– Курра корта айба! Майрра ког шаршабе, нохчийн йоІ!!
… Цул тІаьхьа шо даьлла. Амма мел дукха хийцамаш хилла оцу цхьана шарахь! Оцу буса клубехь хиллачех дикка нах дийна бац. Велла хІетахь Зануца хелхаваьлла жима стаг а. Йуьртарчу куьйгалло а, Іабдул-Іаьзима а бохург ца хилира. Цхьаннен а ницкъ ца кхечира нахе шайн махках догдиллийта. Цара цуьнга сатуьйсура дийнахь а, буса а, набаро дІатебича, гІенах а, Іожаллина тІаьххьара сауьйзучо а. Шаьш тахана-кхана цига йухадоьрзур ду моттаро а, цамгарша а уьш ца битира кхузахь бахам вовшахтоха а, кхоччуш болх бан а. Тергал ца дира тІехь цІенош дан а, беш кхио а колхозо шайна къастийна латта а. Ца кечйира тІедогІучу Іаьнна йагориг а. ХІун до къахьегна? Тахана-кхана уьш-х дІагІур бу шайн дай баьхначу, церан цІийца хьандинчу, шаьш бинчу, кхиъначу махка…
Оцу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна, нохчашна-м хьовха, оцу йуьртахь дехачу дерриге адамашна а везавеллера Іабдул-Іаьзам. ГІийлачун дог оьцура, оьшучунна, дас санна, хьехар дора, гІо эшначохь дІахІотта даим а кийчча вара. ХІун дара а хаац, махкалло, мацалло адам гІелдинчу оцу шарахь, цкъа а дегІах цамгар ца хьакхалуш могаш лаьттира иза. Хала дара цул къинхетаме, догцІена, оьзда стаг кхин хир ву ала. Массо а адамийн гІиллакхе верзарх догдиллина галваьлла стаг а, цунна хьалха хІоьттича, иэхь хетий, ша мича оьккхур ву ца хууш, гатлой хьаьвзара.
Іуьйранна хьалххе хьала а гІоттий, араволий, иза, дІайаханчу буса велла дІаволла везаш стаг вуй хьожуш, хІораннан керта хІуттуш, хІор а доьзале хаза дош олуш, чекхволура. ТІаккха колхозан балха воьдура. Балхара цІа вогІуш, хІор а денна иштта цхьацца серийн цІов а бохьуш вогІура, тІаккха буьйсанна серагех тускар дора. Уьш цхьадерш цуьнгара колхозо, къинхьегаман денош а йаздеш, дІаоьцура, цхьадерш йуучух хуьйцуш йа бахархошна дІалора, амма, дукхахьолахь, кегий тускарш а дой, кегийчу берашна совгІатна дІалора.
Воккхачу стага доккха дакъалоцура йукъараллин дахарехь. Йуьртан а, колхозан а куьйгалло цуьнгахула гІо дора гІаддайначийн, байшна, доьзал белла бисинчу баккхийчу нахана а. Массанхьа а кхочура и кхузткъе пхийтта шо хенара догдика воккха стаг, амма нахана иза цкъа а гІелвелла, гІайгІане воьжна ца гинера.
Ткъа бала воккхачу стеган кийрахь алсам бара массерачул а. Амма цуьнгарчу балин теш вацара, и тІулган лаьмнаш а, Іаьржа буьйсанаш а, цуьнан цІийнан дерзина пенаш а, жима Берса а воцург. Шен устазна тІаьхьа а хІоьттина, Советан Іедалехьа къуьйсуш тІом бинера цо. Амма оцу Іедало, ша кога хІоьттича, 1933-чу шарахь, лаьцна, Сибрех бархІ шо хан а йаккхийтира. Дийнахь ша балхара ваьлча, серийн цІов баккха лаьмнашна йуккъе хьалавоьдура иза. Оцу хенахь лаьмнашца шалхабуьйлуш бекара цуьнан назманийн гІийла мукъам, шатайпа исбаьхьа аз. Мотт ца хуучу тІулган лаьмнашка цо доьхура, генахь дисинчу, шаьш санна, тІулган лекхачу Кавказан лаьмнашка маршалла далар, шех къастийна шен гІийла доьзал – нохчийн халкъ цадицдар. Цигахь ша висича, цунна хеталора оцу лаьмнаша шеца цхьаьна мукъам бо, ткъа тІулгаш тІехула шабаршца охьауьдучу шийлачу шовданаша шен кийрара бала дІаоьцу.
Буьйсанна Берса набарна охьавижжалц Далла гІуллакхдеш, хуий Іай, цунна наб кхеттий а хьожий, тІаккха шен дагна маршо лора цо. Ши бІаьрг а хьаббой, цхьана куьйга корта а лоций, шен назманан мукъаме терра дегІ а техкош, иза кхойкхура генахь бисинчу Даймахке, цигахь дисинчу дай-нанойн кешнашка, Деле къинхетам боьхура холчахІоьттинчу шен жимчу халкъана. Амма цо цкъа а цІе ца йоккхура шех къаьстина, мичахь бу а ца хуучу шен доьзалан, къеначу йижарийн, вежарийн. Иза ца кхоьрура Іожаллех, амма иза кхоьрура шен Іожалла, каш даймахкана генахь хиларна.
Ткъа мискачу Берсега мел ойланаш йойтура цо. ЙургІанна кІел таьІна, цуьнга ладоьгІуш, кІантана карлайолура вина йурт, нанас бина йижарий, ша дукха левзина меттигаш, нийсарой. Мичахь бу-те уьш берриге а, гур буй-те цунна уьш цкъа а? Къена да а велла, хІокху хийрачу нахана йукъахь висахь, цо хІун дийр ду-те…
***
Хоттах къехкаш, шена хьалха лаьтта вогІавелла вогІучу воккхачу стагана ца гора некъа йистехь хІоьттина лаьтта ши зуда. Цаьршинна хезара воккхачу стага ша-шена меллаша бечу мукъаман аз. ХІинца а иза мукъавалаза вара лаьмнашкахь шен коьрте йиссинчу ойланех. Амма, шина зудчух бІаьрг кхетча, цуьнан сийна ши бІаьрг бекхабелира, хьаьрсачу мекхашна тІе куьг а хьаькхна, цхьа а талхаза цІеначу, кІайчу цергийн ши могІа гучу а боккхуш, догдика велавелира иза цаьршинна.
– ХІан-хІа, йижарий, муха ду шун гІуллакхаш? Бераш могаш дуй? ХІусамаш шийла-м йац? Дукха гІаддайний шун? Собаре хила шу. ХІинцца тІекхочур йу бІаьсте. ТІаккха шортта баа нитташ хир бу. Уьш дІабовлале, царна тІаьххье кхин рицкъа а тІедогІур ду. ДІадаханчу шаро-м Іехийра вай, амма хІинца Іехалур дац. Кхаъ бу шуна! ЦІенош деш вайна гІоьнна ахча лур ду пачхьалкхо. Цул сов, хІор а доьзална цхьацца йетт а ло. Иза билггал бакъду. Районера цІа йогІучу йуьртдас хІинцца дийцира соьга иза. Ткъа и зуда цкъа а харц ца луьй. Бежнаш вешан божалахь долуш санна, паргІат хила мегар ду вай. Ткъа бІаьсте ма-йоллура, вешан бошмаш а йуьйр йу. ХІинца-м хаьара вайна, кхузара латта муха лело деза! Колхозан болх а бийр бу. Бошмаш йийна девлча, цІенош а дугІур ду. ХІаъ, маьІІаргонна дицлора-кх суна. Пачхьалкхо вайна луш долу кхачанан сурсаташ алсамдаьхна. Гур ду шуна, цхьа-ши шо далале, вай, вешан вархІий ден ца хилла бахам а болуш, даха охьаховшуш! Ирс хуьлда шуьшиннан, Дала дукха йахайойла шуьшиъ!
Ши зуда шена некъ буьтуш сецна моьттуш, цаьрга и тІекаре а йина, тІехваьлла дІаволавелира воккха стаг.
– Іабдул-Іаьзам! – тІаьхьа мохь туьйхира Хелипата.
Воккха стаг, саца а сецна, йухахьаьжира.
– Делхьа, лакха ломан чІожара ара ма-веллинехь долчу ІандагІна тІе кхаччале велла Іуьллуш ву-кх тхан эвлара Аюб. Цунна хІун де-те вай?
Іабдул-Іаьзаман гира серийн цІов меллаша шершина лаьтта бахара. ЦІеххьана кхоьлира йуьхь. ХІун дара-те къонахчун йуьхь тIe гІайгІане марха теснарг? Дийнахь сарралц болх бина, кІадвелла цІа вогІучу цуьнан къеначу дегІо мало йора-те йуха лома хьалавала, велла стаг цІа вало? Йа шен нийсарг новкъахь, воьдуш лаьтташехь, Іожалло лацаро шен а ойла йайтира-те цуьнга? Шина зудчунна хетарехь, и гІайгІане вожийнарг оцу шиннах цхьаъ дара, амма и шиъ гена йара бакъдолчунна тІекхиа.
Воккха стаг, цаьршинга кхин хеттарш ца деш, хьаж тІе куьг а лаьцна, гуонаха дІасахьаьжира. Схьахетарехь, цо шена накъост лоьхура. Амма оцу цІемзачу дийнахь урамехь гуш стаг вацара. Иштта таро йоьхна иза хІоьттина лаьтташ, йуххерчу кертара аравелира воккха стаг Сарыбай. Цунах бІаьрг кхетча, сапаргІатделира Іабдул-Іаьзаман.
– Ассалам Іалайкум, Іабдулла-акхсакхал! – генара мохь а тоьхна, тІевеанчу цо шина а куьйга Іабдул-Іаьзаман куьг лецира. – Шу догІанехь ма лаьтта? Сингаттам болуш xІума-м ца хилла?
– Керла сингаттам бац, Сарыбай, ша даим берриг бен.
– КІант хІун деш ву? Дукха хан йу иза суна ганза.
– Дика ву. Ткъа хьан йоккха стаг йуй могаш? КІентан кехат деаний?
– Каьмпар4 а могаш йу, кІентан кехат а деана. ХІинца цкъа дийна ву иза. Кестта, тІом чекх а баьккхина, цІа вогІур ву ша, боху. – Сарыбайс, дІаса а хьаьжна, доккха садаьккхира. – Акхсакхал, хьо дукха сиха вацахь, хьоьца жимма гІуллакх ма дара сан.
– Схьадийцал.
– Зударий болуш дийца ца лаьара суна.
Ши стаг йуьстахвелира.
– Іабдулла-акхсакхал, суна жимма халахетар хилла. Кхо уьстагІ байна сан цІера. Хьуна ма-хаъара, со буьйсанна наггахь бен цІахь хуьлуш а вац, уьш лачкъош шена хиъча а, каьмпар арайала а йаьхьар йац. Ас хІун дан деза, акхсакхал? ТІаьххьара болу кхо уьстагІ а лачкъийна, витина-кх со.
– Нохчех дегабаам бу хьан?
– Бу, дера, муха ца хуьлу, тІаьххьара Іахар лачкъийна къу суна сайн шина бІаьргана гина хилча.
Іабдул-Іаьзаман йуьхьах цІе летира. «Веза Дела, ма йоккха йуьхьІаьржо йу-к xIapa! – бохура цо ша-шега. – Ма дукха гІиртира-кх со гІуллакх кху хьола тІе ца далийта. Нах ца бала гІерта, хьокхарна хьалха со йуьхьІаьржа хІуьтту!»
– Мила ву къу?
– ХІара сан лулахо Решед цІе йолу кІант ву-кх.
– Бакъ хир дац иза! Решед жима ма ву.
Сарыбайс дегабаам бира.
– ХІета, со харц луьйриг ву-кх. Жима ву! Ас къоланна тІехь схьалаьцначу минотехь хьайна иза гинехь, эр дацара ахь иштта. Іахар схьа ца бала, ша вала а, со виэн а кийча-м дера вара! Делхьа, шен жималла хІуъу дан а иэхь ма дац кхунна аьлла, хийтира суна. Ткъа, вуьшта а халла ирахь лелачу кхунна адамо тухур а ма йац, кхана акхсакхалца дуьйцур ас аьлла, Іахарца дІавахийтира ас.
– Валол, хІета, чу а гІой, хьажий вайша.
ЦІеххьана ши стаг цІа чу ваьлча, вагийча санна, товханна хьалхара хьалаиккхинчу Решедан аьтту буйнахь доккха урс къегира. КІегий санна, богу бІаьргаш цушинна тІе а боьгІна, меллаша йуха а ваьлла, соне дІахІоьттира иза. Цуьнга хьаьжна Іабдул-Іаьзам гІаддайна велавелира. Дан а дара сурт беламе. Товхана хьекхийча санна, кІуьрзаша Іаржйина оза йуьхь, буьйсанна бодашкахь цициган бІаьргашка тера оцу тІехь, кІегий санна, богу ши бІаьрг, баьлла тхонкех5 тарбелла корта. Цуьнан дегІехь ницкъ бацара шел жимачу берана дуьхьало йан а, амма иза воккхачу шина стагах лата кечвеллера.
– Дика мел дерг догІийла шуьга, Решед! – вистхилира Іабдул-Іаьзам.
ТІаьхьа чу ваьлла Сарыбай бен, Іабдул-Іаьзам гуш а воцчу кІентан карара урс лаьтта охьадуьйжира, воккхачу стеган девза аз хезча. Амма хаьттинчу маршаллина дуьхьал цо жоп ца делира.
Іабдул-Іаьзам чухула дІасахьаьжира.
Корах чу гІийла серло кхетта бодане цІа. Шардеш хьахаза, кІуьро Іарждина шога пенаш. ЦІенкъа даржийначу матардоьллачу чана тІетесначу истанга тІехь, цхьа шо хьалха цІена хиллачу, амма хІинца боьхачу йургІанех хьирчина, моггІара дийшина Іохку бераш. Товханахь йогучу алу тІехь овкъарех йуьзна Іохку жижиган цуьргаш.
– Бераш цомгаш-м дац? – хаьттира Іабдул-Іаьзама.
– Дац.
– Жижиг доттуш ца хилла хьо? ХІара мичара даьлла хьуна?
Решедан корта охьабахара. ХІинца хІун дан деза? Кхин стаг хилча-м аьшпаш боьттина а, валлалц дуьхьало йина а, къар ца луш кІелхьарвала гІоьртур вара, ткъа Іабдул-Іаьзаме харцдерг дуьйцийла ма йац. ТІехула тІе, Сарыбайс схьа ма лаьцна иза Іахар тилош. ХІун дан деза? Веза Дела, цаьршинна хаахьара, цо шен дуьхьа иза ца лачкъинийла! Цуьнан шен дейтта шо бен дац. Ткъа кху чохь Іуьллу цуьнан кхо йиша а, ши ваша а цул жима ду. Уьш меца дара, цара йуург йоьхура. Церан да хІорш цІера бохучу дийнахь вийна, ткъа нана ши бутт хьалха кхелхина. Ша тІаьххьара са дІалуш, берийн доладар доьхуш, нанас весет дина Решеде. Ненан весет кхочуш а ца деш, цунна дуьхьал эхарта гІойла ма дац цуьнан. Ткъа иза нанна дуьхьалхІотта а ца йисина дукха хан. ХІан-xIa, сийсара цо Іахар дІалур бацара, шен дегІах дакъа ца дича. И хиира Сарыбайна. Цундела дІавахара Сарыбай. Амма… амма хІунда веана Іабдул-Іаьзам цунна хьалха а ваьлла? Иза-х хьекъал долуш стаг ву. Цунна-м хаа ма дезара Сарыбайн Іахар цо хазахета ца лачкъийнийла…
– Ахь шен уьстагІий лачкъийна, боху Сарыбайс. Бакъдуй иза? – хезира цунна.
ХІун ала-те цо? ХІан-хІа, къарвала ца веза! Сарыбай тІаьхьа а хІоттийна, Решед Іораваккха ма веана Іабдул-Іаьзам. Иза иштта веана хилча, цунах цуьрриг а иэхь дац аьшпаш боттарх.
Решед, хьала а таьІна, майрра Іабдул-Іаьзаме хьаьжира, амма цуьнан гІайгІанечу йуьхьа тІера кІайн маж, сийна ши бІаьрг гича, корта йуха а охьабахара. Царна чохь Решедна гира къинхетам, доглазар, бехкбаккхар а. Иза вацара ткъа, йала йоллучу церан нанна уллохь буьйса йаьккхинарг, тІаьххьара а цуьнан бІаьргаш дІакъевлинарг, чІениг хьала а оьзна, йовлакх дихкинарг, шолгІачу дийнахь иза дІайоьллинарг? И ши бІаьрг, цуьнан сийна пхенаш тІе а хевшина лаьтта декъана куьйгаш, дагна там беш долу цуьнан кІеда аз дацара ткъа церан нана лечу буса байлахь дуьсуш долу йалх бер хьаьстинарш, цаьрга диканах дог ца диллийтинарш? Иза вац ткъа, хІетахь дуьйна, денна бохург санна, церан уьйтІа а хІуьттуш, цаьргара хьал-де хоттург, церан дола дан гІертарг? XIaн-xIa, Решеда цуьнга харцдерг дуьйцур дац. Цуьнан бакъо йац и дийца…
– Суна-м хаьа, Решед, ахь иза хазахета ца лачкъийний. Амма, оцу гІуллакхаша вайнехан вуон цІе йоккхуьйту. Йа нохчашна вуониг олийла лаьа хьуна? Ас цхьа таро йийр ма йара шуна, ахь соьга аьллехь.
Решедан ши бІаьрг хих буьзира, балда озийра. Берриге ницкъ тІе а бахийтина, ца велха гІоьртира иза, амма цуьнан ницкъ ца тоьура бІаьргех тІех туьйсу хиш а, логе гІерта шад а сацо.
– ХІун боху цо? – хаьттира хІинццалц вист ца хуьлуш Іийначу Сарыбайс.
– Цо ца лачкъийна хьан Іахар, – элира Іабдул-Іаьзама, Сарыбайга бІаьргашца ишарш йеш.
– Муха ца лачкъийна? Товханахь дотту жижиг стенан ду? – Іабдул-Іаьзама шега йина хичаш ца гиначу Сарыбайс, берашна тІе а вахана, цхьаннан гІевлангарчу гІайби кІел куьг а дахийтина, тІеда кхакха схьабаьккхира.
– XIapа хІун йу? ХІара ткъа?
Цхьацца гІайба хьала а ойъуш царна кІелхьара схьабаьккхина кхо кхакха Іабдул-Іаьзамна хьалха тесира цо. Берийн маьхьарий девлира.
– ХІорш хІун йу? Сан устагІийн кхекхий дац хІорш? – бохура Сарыбайс. – Йа хьан хьайн жа дара? Ас, таІІийна акт хІоттийна, кху Делан сохьта коменданте дІавуьгуьйтур ву хьо!
Комендантан цІе йаьккхича, тІехь коч йоцуш волу цхьа кІант, хьала а иккхина, вахана, Решед шен берзинчу букъа тІехьа а лоцуш дІахІоьттира, ткъа йоккхахйолу йоІ Зараъ, йан а йеана, Іабдул-Іаьзаман настарех хьаьрчира.
– Ваша, – мохь белира цуьнан, – ма вигийталахь цуьнга тхан Решед камдат волчу! Оха хІун дийр ду иза вигахь, тхан-х да-нана а дац… Ас хІун дийр ду тІаккха берашна?… Ваша-а-а, Решед ма вига алахьа цуьнга…
Бераша дог Іовжийна воккха стаг, йоьІан Іаьржачу месех куьг а хьоькхуш, кийрахь воьлхура.
– Тхаьш мацалла лахь а, оха кхин хІумма а лачкъайойтур йац Решеде… Алахьа Сарыбайга, оха, тхаьш даккхий хилча, болх а бина, и уьстагІий дІатокхур ду…
– Ма йелха, Зараъ! ХІумма хир дац…, – йоІана маслаІат дан гІертара Іабдул-Іаьзам.
Сарыбайс лелочо цецваьккхина Іабдул-Іаьзам шен дахарехь дуьххьара оьгІазвахара.
– Айхьа дуьйцург хІун ду хаьий хьуна? Акт хІоттадо? Коменданте-м хьовха, Сталине а дІадахьийта! Дайъийта цуьнга хІара буобераш! Уьш шайн махкахь дитинехьара, цара хьан уьстагІий лачкъор дацара, кху тІуьначу цІа чохь мацалла мажделла Іохкуш а хир дацара, шуьниш санна, доьшуш, ловзуш лелаш хир дара! ХІаъ, Іедална йамарт хилла, Іедална зуламдина, далийна уьш кхуза? Йуха а таІзарна дІалу! Ахь Іадбитича а, кхо де далале, Дала Ша дІаоьцур ду хІорш!
Сарыбай воьхна хьаьвзира. Къоладинарг ша волуш санна, иэхь хетта, цІийвелира иза.
– XIapa xIун гІовгІанаш йу аш йийраш? – йистхилира, церан дов а хезна, чуйеана Сарыбайн зуда Умсунай. – ХІунда йоьлху Зара, хІун хилла берашна?
– Сарыбай ву-кх хІорш коменданте дІабала гІерташ!
– Іабдулла-акхсакхал, сан кийрахь адаман дог дац моьтту хьуна! – мохь белира Сарыбайн.
– Бераш? Коменданте дІало бохург хІун ду? – майрачунна тІейирзира йоккха стаг. – Далла дохку байш! Хьо хьера-м ца ваьлла, чал6? Ма доккха хІума хили и хьан гирзаш даьлла кхо Iaxap…
– Хьайна цахуург ма дийца. Йоло цІа гІо. Цхьа а вац бераш коменданте дІадала гІерташ!
– Вала, вала! Хьалхавала! Хилийтахьа, кхоъ-м хьовха, кхойтта уьстагІ а, кхойтта эмкал а. Ас айса токхур ду уьш. Охьадахка кхекхий а. Берашна кІелтийса дика хир ду уьш.
– ДІадовлийша дІа! –огІазвахара Сарыбай – Шуьша ший а ца кхетта сох. Оццул къиза хила, со экха ду-м ца моьтту шуна? Кхекхий дІахьур ду ас. Хьала-охьа а, дахкалур ду, кхузахь дитича.
– Мегар ду. ДІаэца хьайн кхекхий а. ДІа аравала чехка! – кхекхий кара а делла, шен майра теттина неІарх араваьккхира йоккхачу стага. ТІаккха, Зараана тІе а йахана, иза шен маракъевлира цо. – Ткъа хьо ма йелха, сан жима лулахо. Хьо йацахьара-м, каьмпаран дан хІумма а дацара. ХІокхо-м, денна йогІуш, суна хи а дохьу, керт-ковхь гІуллакх а до. Кхана Іуьйрре чал лам тІе гІур ву, вайша цхьаьна Іийр йу. Тоьур ду, ма йелха хІинца.
Бераш дІа а тедина, Іабдул-Іаьзамца арайелира Умсунай.
– Суна хаьара Решеда уьстагІий лечкъадой, – элира цо шаьш кех девлча, – хІетте а сайна хІумма цахуучуха, Іадда Іара со, берех къахетара. Амма новкъа- м дара лулахо йамарт хилар. ХІун дийр дара ткъа? Хазахеташ ма ца лелара иза. Воккхачу стага сийсара схьа ца лаьцнехь, со-м, уьш хьан лачкъийна а ца хаьа аьлла, къайладохур ду бохуш, Іаш йарий. ХІумма а дац. Оцу кхаа уьстагІах тхо дехаш а хир дац, йа къий а лур дац.
– Баркалла хьуна… шуна массарна а, Умсунай, – элира, цІеххьана собарх а воьхна, ша Сарыбайна барттохарна дохковаьллачу Іабдул-Іаьзама, – суна ма хаьа хьо оцу берийн дола деш хилар. Цхьа мисканаш бу-кх уьш. Ца бала гІерташ, лела-кх. Дийцина хІун до цуьнан, хьуна хьайна а гуш ду-кх цаьргара хьал.
– ДІавалахьа, ма дийцахьа уьш! Цул, чу а дахана, цхьаьний чай мер ду вай. Бепиг-м дац сан, амма Іаламат дика чай ду, шура а тоьхна кхехкийна. Вало.
– Чай мала-м меца а вацара со, амма Сарыбайна хьалха бехказвала ца веача-м ца волу. ШайтІа даг чу а иккхина, халахетийти ас цунна.
– Иза-м тоххара дицделла хир дара цунна.
Умсанайна тІаьхьа дІаволавеллачу Іабдул-Іаьзамана гира хьалхалеррачохь хІоьттина лаьтта Хелипат а, голашна тІе охьа а лахйелла Іен Зану а. БІаьрг ма-кхийтти хиира Іабдул-Іаьзамана цхьана хІуманна тІехула цаьршиннан барт ийгІинийла.
– ХІун хилла шуьшинна? – хаьттира цо, тІе а вахана
– Шеллуш, йегош, ирахь а ца Іелуш йу хІара, – Занугахьа корта ластийра Хелипата, – цІа а гІой, охьайижа аларх, дІа а ца йоьду. Вайшинца дІайогІу ша, боху.
– Могаш йацахь, цІа йаха йеза, Зану. Тхойшинна кхин накъостий нислур бу. ЦІа йахалур йуй хьо?
– XIaъ…
Галйуьйлуш, дІайолайелла Зану некъо голатухучухула къайла йаллалц цунна тІаьхьа хьоьжуш а Іийна, Хелипате, ша хІинцца схьавогІу а аьлла, СарыбайгІеран керта вахара Іабдул-Іаьзам. УьйтІахь кертах тесна лаьттачу боккхачу Іожачу старана хьалха йол таса гІерташ воллуш Сарыбай а, цунна тІе а хІоьттина, дов деш лаьтташ Умсунай а карийра цунна.
– ГІовгІа а ца йеш, чугІохьа, каьмпар! ХІара хІун ду ша дан ткъа? Іедале дІадала дезарг-м хьо а, Іабдулла-акхсакхал а дара. Ши Іовдал! Шуна-м, дера, моьттура, и халла ирахь лела бер а эцна, со комендант волчу ваха воллу. Со басмач ву-м ца моьтту шуна? Амма ашшимма доккха гІо даьккхи цуьнгахьа. Ишттаниг цуьнга кхин ца леладайта, иза кхеро гІертара со, ткъа ашшимма со бехке во. Ас а магийтича, кхечо а могуьйтур ду моьттуш, иза цхьа адамалла доцчу стеган керта гІортахь? Цо, вига а вигна, Іедале дІалур ву, тІаккха иза ваьккхина берийн колоне дІавуьгур ву. Йа, Іедале дІа а ца луш, лечу хьола тІе валлалц йеттар йу. Иштта меттигаш кІезиг ца хилла. Байъинарш а бу. Шаьш диканиг до а моьттуш, цунна зулам до аш.
– Бехке ву-кх со, Сарыбай. Вайша вовшех ца кхийтира. Бехке ву!
– Ву, дера-кх. ТІехула тІе, каьмпара этІо дог. Цкъа кхаллал бен рицкъа дацахь а, иза оцу берашца йоькъуш Іаш ма йу иза. ХІетте а, Решеда шена къола дича, цуьрриг а оьгІаз а ца йоьду. Сийсара иза Іахар тилош воллуш тІекхаьчча, айса цуьнан цІога ца дохдарх дохковаьлла со. Иза ахь дийр ду моьттуш, Іийра-кх.
– ГІиллакхехь дацара, Сарыбай. Да-нана доцчу оцу мисканна муха тухур йара?
– Вайша ду-кх церан да-нана. Вай дац церан дола дан дезарш? ДІа чугІо. Чай кечдешшехь, сту хи тІе бигна вогІу со.
Нох дохуш бежаш лаьтта сту а, цунна улло хІоттийна цхьа сту бужу салаз а гича, Іабдул-Іаьзамна дагадеара ша Аюб цІа вало накъост воцуш хилар.
– Хьо чу хІунда ца воьду?
– Чувеана Іойла дац сан, Сарыбай.
– ХІунда? Иэхь хета хьуна? Дитахьа уьш! Хьо сол воккха ву, ахь аьлларг-м тарлур дара. Со а ма ву берийн да, сан кийрахь а ма ду дог. Цхьа кІант немцоша вийна Ленинградна уллохь. Byкхуьнан а бац тешам. ТІом – тІом бу. Цигахь цхьа минот а йац тешам болуш. ХІинцца дийна хуьлу хьо, ткъа цхьа минот йалале, мичара йогІу а ца хууш йеанчу дІаьндарго тухий йуьхьарвохуьйту. Кхузахь советан Іедал хІотточу шерашкахь басмачаш лоьхкуш лелла со а. Уьш мел къиза адамаш дара хьайна хаахьара. Амма фашистийн къизалло басмачаш а бицбина. ТІехула тІе, хІара тІом эзарзза нуьцкъала а, къиза а бу хьалха хиллачел. Керла герзаш, керла техника. Ткъа оцу бераша диъна уьстагІий дицдер вай. ХІан, вало, чай мала воьду вайша. Сту тІаьхьа буьгур ас хи тІе. Хьо а воцуш чу гІахь, йуха а дов долор ду каьмпара.
– XIaн-xIa, Сарыбай, сан дІаваха деза. Цхьанхьа-м лома кІел велла Іуьллуш тхан цхьа воккха стаг ву, боху. Иза цІа ца валийча ца волу. Сайца бига накъостий лаха а беза ас. Амма, ахь хIара сту а, салаз а сайга делча, накъостий лоьхуш къа а ца хьоьгуш, сихха вахана, иза цІа валош вогIур вара со. И гIуллакх дехьа суна, берриге дика болх суна бинарг хир вара хьо.
– Сту-м, хьала-охьа а, лур бара ас хьоьга. Накъост ца хилча, хьо хьуо ларор ма вац.
– КетIахь соьга хьоьжуш лаьтташ цхьа зуда йу. Тхойша ларор ду.
– ХІан-xIa, цунах гІуллакх хир дац, акхсакхал. ХІей, каьмпар! – чу кхайкхира Сарыбай – Йалол, чехкка йаха а гІой, ТургIанбай схьакхайкхал. Доккха гІуллакх ду ала. Ма Іелахь! Ткъа ахь и зуда цІа йахийта, Іабдулла- акхсакхал. Вай хилча тоьур ду.
И ши сту дІабоьжна валале, лаьттах Іаса а гІертош, букар сеттина, схьавеара лулара воккха стаг ТургІанбай.
VIІІ
ТІетоьхначу догІано тІадийна, шелбина, лелхийна бигна, ломахь цхьана жимачу хьеха чу боьхкина Лоьма а, Берса а, Юрка а, Адашбай а, цІа баха догІа дІатере хьоьжуш дикка Іийначул тІаьхьа, и соцург а ца хилла, цІе а латийна, паргІатбевлира.
Дукха хан йацара веа кІентан доттагІалла тасаделла. Цхьа кІира хан. Лоьма доьшуш вацара, ткъа Берса а, Юрка а, Адашбай а цхьацца классехь доьшуш вара. Царна йуккъе гергарло теснера дукха хан йоццуш ломахь гучубевллачу акха кхуьучу хохаша. Дуьххьара кхузахь цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, хІор а дийнахь цхьаьний богІура уьш лома. Кегий тІоьрмигаш дуззий хІетта хьалабевлла сийна хохаш а бохий, дечиган кегийра маххьаш ги а духкий, суьйранна цІа богІура уьш. ГІуллакхал сов, вуьшта а самукъане дара лаьмнашкахула кхерсташ. Къаьсттина Берсина а, Лоьмина а дезалора и гІуллакх. Оцу тІулган лаьмнаша цаьршинна карладохура генахь дисина даймехкан лаьмнаш. Амма, цаьрца дуьстича, хІорш цхьа дерзина, десте санна, хийра, шийла хетара.
ДогІано тІадийна бедарш йакъо гІерташ, цІерехьа цкъа букъ тухуш, тІаккха агІо лоцуш, хевшина Іаччохь дІасахьийзара уьш. Хабар дийца дог ца догІура цхьаннен а. Шелонна а дацара иза. Мецачу чоьнн тІе биъначу кІочу хохаша дог керчадора. Уьш бераш делахь а, хІораннен а дагна тІехь шайнначул бала а бара церан. Мере оьзначу голашна тІе корта а биллина, ши бІаьрг цІерга а боьгІна, Іара Юра. Аьрхачу Лоьмас шеквоцуш тІера схьайаьккхина шен эттІа тужурка цІерга хьийзайора. Халла хезаш ша-шена илли бохура Адашбайс. Ткъа Берса, шен йоьхна неІармачаш дІа а йаьхна, тІергІан пазаташ йакъо гІерташ воллура.
– Стенна оллавелла хьо, Юрка, гІийла буо санна, горгвелла охьахиъна?
Юрас доккха садаьккхира.
– Советски эскаран дезде ма ду тахана. Ткъа тхан дай, вежарий генахь леташ бу. Хьанна хаьа, сан да кху минотехь мича хьолехь ву, йа дийна ву, вац а…
– Цунна гІайгІане воьжнера хьо? ХІумма а доцург! ТІамехь чов хуьлу, виэн а вуьй. Іожалла цкъа бен хуьлуш йац. Дала ша адамаш кхуллуш хІоранна а тоьхна хан йу дуьненахь ваха. Шен оьмар чекхйаьлча, цхьа а минотехь а вехар вац. ТІамехь верг леш, цІахь верг ца леш ма дац. Цигахь Іожалла йоьгІнарг лийр ву, цайоьгІнарг могаш-дийна цІа вогІур ву. Ойланаш йан ца оьшу.
Юра, кхин вист ца хуьлуш, хьалха санна, дІатийра. Цкъа Лоьмина а моттаделира ша цуьнан дагна маслаІат дина.
– Кху дийнах лаьцна кхин хІумма а дагадогІий шуна? – хаьттира Берсас, шен болх йукъах а баьккхина, цІеххьана.
Юра а, Адашбай а хаттар луш, Берсе а хьаьжна висира.
– ХІаь, тахана-м вай махках даьхна нийсса шо кхочий, – бухара балда цергашна йуккъе а лоцуш, масазза а корта таІийра Лоьмас.
Хьехахь йуха а тийналла хІоьттира. Йукъ-кара лайн чимаш а ийна, арахь тІедетта шийла догІа. Вовшийн даа санна, мацалла хьерча йоьхьаш. ЦІахь доцу дика хьал. Юрин сагатделира. Лаьара, хІуъу дина а, хан йацйан.
– КІентий, дийцийша тхуна, шаьш схьа хІунда далийна, – дехар деш, Лоьмина а, Берсина а тІевирзира иза.
Берса вист ца хилира. Цунна ца лаьара шел воккхачу, цІера арадахале цхьанхьа-м гІалахь доьшуш хиллачу, маттана шерачу Лоьмина хьалхалелха. Ткъа Лоьмина дага а ца догІура накъостан хаттарна жоп дала. Йохйелла, тІера Іаь гІуьтту тужурка парггІат тІе а йуьйхина, тІаккха шен когара буьхьигаш хьала а хьаьвзина лаьтта английски ботинкаш схьа а йаьхна, когех хьерчийна тІелхигаш йакъо хІоьттира иза. Карладелира цхьаьнгге ца дуьйцуш ша даг чохь къуьйлуш латто цхьа кІира хьалха комендантца шен даьлла дов.
– Баккъалла а, дийцахьа, Лоьма, – Юрина тІетайра Адашбай a. – Шух лаьцна наха ца дуьйцуш хІума дац-кх. Шу басмачаш хилла, аш фашисташна гІо дина, боху-кх…
Лоьма оьгІазе Адашбайга хьаьжира.
– Ларлуш хила, кІант! Хьанна хаьа, сан карара хецайелла xIaра ботинка хьан муцІарх кхетахь а. Тхуна мичара хаьа, тхаьш схьа хІунда далийна? Хьуна хуур дарий, цхьана Іуьйранна хьуо, меттара а гІаттийна, шарбал тІе йуха а ца кхиавеш, хьалха а иэккхийтина, тІаьхьашха тІе автомат хІоттийна, лаьцна вигна, таІІийна вагон чу а воьллина, тІехула тІе аьчган зайл хьовзийна, неІаре автоматчикаш а хІиттийна, цхьана беттан некъа генна махка а вигна, хьуо охьатесча? ХІай-хІай!
– ОьгІаз ма гІохьа, Лоьма, – aгIo цІерехьа а хьовзош, цуьнгахьа вирзира Юра. – Оха цІеначу даггара хоьтту. Ткъа хьо? Нийса ма дац иза. Адаш бакълоь. Наха тайп-тайпана дуьйцу дела, бакъдерг хаа ма лаьа тхуна.
– Іовдалш дийца бита аш. ХІаъ, ду, дера-кх, тхо-м бандиташ, къуй, йамартхой, фашисташ а. Кхин йисиний тхуна тилла цІе?
– Йуха а карзахвуьйлу!
– ТІаккха ткъа? Оха бакъдерг аларх, тхох теша ца теша. Тхо адамаш ма дац, адамашдаархой ду.
– Харцлоь хьо, Лоьма! Хьуна хьайна а хаьа тхан дагахь и доцийла! Цхьацца боьхачу нехан дегнаш иштта хилар тхан бехк бац.
– Шайна луъург мотта. Суна-м йовха а, шийла а йац!
TIeдеттачу догІанна жимма лагІдала дага а ца догІура. Мелхо а, хьалхарчу ломана тІехула дорцан кІур хІоьттинера. Берса реза вацара Лоьмин кІоршамечу жоьпашна. Адашбай, Юра а Іаламат догдика, эсала ши кІант ву. И шиъ, гергарло дезаш, Лоьмина тIeгІерта, ткъа Лоьмас уьш йухатоьтту. Дика ма дац иза.
– Бакъдерг дийца дезара…, – ийзалуш, нохчийн маттахь бехк баьккхира цо Лоьме.
– Къахетаре догдоху ахь? – кІоршаме цуьнга хьаьжира иза.
– Ца го хьуна, халахетта цаьршинна.
– Вай хазахеташ лела?
– Церан бехк ма бац иза…
– Хаьа суна а. Хьо ма хьехар дала хІоьтти. Цул, чІеІа а ца чІеІаш, хьайн мерах пхьош хьакха.
Лоьма, хьехан берте а вахана, тІулгах агІо а тоьхна дІа а хІоьттина, арахьежа вуьйлира. Цунна шена а валлал лаьара шина кІанта хоьттург цІенна дІадийца. ХІинцалц схьа цхьаммо а ца дехнера цуьнга и дийцар. Моьттура, иза ша дийцича, кийрара бала жимма а байлур бу. Ткъа иза-х бара кІеж туьйсуш кхехкаш. Жимачу Берсина атта ма ду. Иза хІинца а дерригенах ца кхета. Лоьмина шена а ца хууш хила а тарло дерриге а, амма хуурш, гинарш а тоьуш ду иза къона къежван. Деккъа и уьш цІера баьхна цхьа де тоьур дара цуьнан дог эккхийта. И де а ца деара массарна а цхьатерра. Массеран а бацара цІеххьана цІера арадовла аьттонаши. Ткъа Лоьмин хІусамехь оцу Іуьйранна ненан шийла дакъа Іуьллура. Цхьа-ши кІира дара, нана цамгаро гуттар а кІелйитина аьлла, тІаьхьа хабар а деана, Лоьма, доьшучуьра йукъахваьлла, цІахь Іен. Хьалхарчу буса нах охьабуьйшучу хенахь йелира иза. Оцу Іуьйранна хьалххе гІаттийна, лула йуьрта гергарчаьрга иза йеллийла хаийта хьажийна Лоьмин шича, цхьа сахьт далале, айъина цІа валийра, автоматца харс-аьлла пхьарс хадийна, мелачу цІеша а вуьзна. Иза а вара Лоьмин хенара кІант. Нана кешнашка а йигна дІайоллийла ца хилира. ДІа ца йуллуш ца йита, шайн бешахь гомха каш а даьккхина, цу чу таІийра цара иза. Оцу доьхначу дийнахь кхин цхьа нийсархо а вийра Лоьмин. Фермехь жаІу волчу шен дена тІаьхьа кхача эцна воьду Хьамид, йуьртах араволуш ха деш болчу салташна тІе а Іоттавелла, цара тоьхна вожийра. Цуьнан дакъа лаьттах долла а ца битира. ЦІа чохь поппаран маьнги тІе метта охьа а виллина, цунна тIe йургІа а тесна, иза Іад а витина, кертара арабелира церан доьзал. Ткъа Хьамидан миска нана, хІинца а меттайанза, тиларчу йахана хІума санна лела. Йуьртал арахь, ги йоьллина хьаьжкІийн кийсаг йолуш, Іилла дисира Лоьмин лулахочун Айзанан дакъа а. Шен йалх берана ахьарна хьаьжкаш ахьа хьера йоьдуш, эвлах арайолуш тоьпаш тоьхнера цунна. Мисканашна ца хаьара оцу буса шаьш ховха набарш йеш меттахь Іохкучу шайна тІехь ирча кхиэл йинийла. Ца хаьара йуьртана гуонах ха хІоттийнийла а. Йуьртах аравала гІоьртинчунна топаш тоха аьлла, омра дуйла а. Ткъа Іуьйранна оцу ханна тІенисделла Айзан, Хьамид, Хьасан а ца кхийтира салташа оьрсийн маттахь «Саца!» «Йухаверза!». «Тоьпаш туху хьуна!» бохуш деттачу маьхьарех…
Лоьмин логе шад хІоьттира. Цхьадика, бІаьргаш чу хин тІуно-м ца йуссура.
Хьанна моьттура, иза хир ду. Йуьртахь лаьтта салтий, берриге бохург санна, бевзара Лоьмина. Царна йукъара цхьаболу бІаьхой, Лоьмел цхьа-ши шо бен баккхий боцуш, кегийраш бара. Церан чІогІа доттагІалла дара йуьртарчу шайн нийсаршца. Уьш цаьрца цхьаьна ловзарга а, синкъераме а оьхура. Нохчийн сискал а, салтичун паек а йоькъуш йуура. Лоьмин когара ботинкаш а ма йу цуьнан доттагІчо, къоначу лейтенанто, цунна совгІатанна йелла. Оцу догдикачу адамийн цхьана Іуьйранна шайн доттагІий цІийнах а, махках а баха дийзиpa…
Уьш дерриге дагадаьхкича, логе шад хІутту Лоьмин. Дависарг, ницкъ белара цуьнан, хилларг-м хьовха, таханлерниг а цхьаьна дерриге а дицдан. Синтем бац йа дийнахь а, йа буса набарха а. Бус-буса гІенах дуьхьалхІуьттту хьоме даймохк. Амма цуьнца цхьаьна дуьхьалхІуьтту и ирча къематде а. Самаваьлча… Цул хІумма а сина лан атта йац тахане а. Хало. И йерриге хало а, мацалла а йицйеш долу даймахке мерза сатийсар…
«Иштта хила ца везара со оцу кхаа кІантаца, – ойла йора Лоьмас. – Жима велахь а, Берса бакълоь».
Лоьма схьавирзича, цуьнан йуьхь тера а йацара цхьа масех минот хьалхалерчух. Йайнера цунна тІера аьрхалла а, цкъацкъа гучуйолу къизалла а. Иза цхьана луьрачу чевно Іийжочу дархочух тера, озийна, йахйелла, хаба а хебна гора.
Вист ца хуьлуш шен метта цІера улло охьа а хиъна, дехьа лаьтта дечкан мохь, дІакхевдина, шена тІе а озийна, цунна тІе дІа а тевжина, ши бІаьрг хьехан тховх буьйгІира цо.
– Юра, тхаьш схьа хІунда далийна дийца хаац суна, – элира цо, эххар а.
– Цундела цунах лаьцна сан дийца хІумма а дац. Арахь тІедетта догІа саца гена ду. Иза саццалц Іахь, дикка Іан дезар ду вайн. Цундела, вайна хан йацйалийтархьама, шуна лаахь, ас дуьйцур ду тхаьш махках даьхначу дийнах лаьцна доцца.
Ши кІант, гергахьо таьІна, ладогІа кечвелира. Амма Лоьмина ца хаьара ша мичхьара схьалаьцна доло деза. ТІехьа дахийтина ши куьг коьрта кІел а доьллина, къамелан йуьхьиг лоьхуш санна, тховх бІаьргаш кхерстабора цо.
– ХІун дуьйцур дара шуна? – Юрега хьаьжира Лоьма. – Шуна бакъдерг ала лаахь, дерриге а дийца сан ницкъ тоьур бац. Цхьа коьрт-коьртаниг олуш, чекхвала хьожур ву со. Доцца аьлча, шу санна, дерриге адамаш санна, дехаш дара-кх тхо тхан дай баьхначу лаьтта тІехь. Оцу лаьтто комаьрша рицкъа лора тхуна. Цунах тоам а бора оха. Далла хастам а бора. Вайн Советийн махкахь массанхьа санна, Іедал а дара тхо долчохь. Баккхийчара болх бора, бераша доьшура. Дешна ваьлларг балха а воьдура. Цомгаш хуьлура, дала а лара. Хазахетарш а, бохамаш а, цатемаш а хуьлура. Тхешан даймохк дукха а безара тхуна. Доцца аьлча, кхечарел тоьлаш а, йа оьшуш а доцуш адамаш дара-кх тхо. Церан йоллу ойланаш а, сатийсамаш а болуш. Аш санна, оха а сатуьйсура, фашистийн гІера вайн макхара дІа а лаьллина, чехкка тІом чекхбаларе, фронтера тхешан дай, вежарий цІа берзаре. Цундела оха тхешан ницкъ ца кхоабора къинхьегамехь. Цундела оха чІогІa безаш тІеийцира шовзткъе кхоалгІа шо чекхдолуш тхешан йарташка балийна салтий. Іа йуккъе далале, массо йурт йуьзира цара. ХІор а доьзалехь пхиъ-итт бІаьхо. Хьаша везаш тІеоьцу тхан халкъо. Иштта ду тхан дайшкара схьадогІу гІиллакх. Ткъа бІаьхой уггаре а лоруш лело ма безара. Тхан а ма бара фронтехь дай, вежарий. Оха салтий лоьрура, церан сийдора, тхайн ма-хуьллу церан догъэца гІертара. Цара тхан сискал а, оха церан чоьрак а йууш, цхьа доьзал санна, тхо бертахь дехаш дІайоьдура хан. Уьш цигахь хІунда латтабо ца хаьара тхуна. Шу кхуза хІунда далийна аьлла, хаьттича, цхьаболчара – хаац, вукхара – садаІа, кхечара – ламанца тІом бан Іамо далийна, олура. Европехь лавинаш йу. Цигахь фашисташца тІом бан Іамо. Кест-кестта, йуьртал ара а буьйлуш, учебни занятеш а йора. Наггахь, буьйсанна тревога а лой, хьала а лоьлхуьйтура.