Шайна ца хезаш цхьа дош тІехтиларна кхоьруш, леррина ладоьгІура Юрас а, Адашбайс а. Йуьхьанца забаршна, Іиттаршна тІера волавеллачу Лоьмин дешнаш хІинца дегнаш Іийжош дуьйшура берийн кийра. Лоьма ша а дІалаьцнера шен къамело. Цунна ца хааделира лелхачу арчанан дечигах схьакхоссабелла суй шен аьхначу хечин кога тІе бужуш а, иза, кІур туьйсуш, бамбех булуш а. Цо къамел ца сацийра Берсас и цІе дІайойъуш а.
– Нийсса шо хьалха, 1944-чу шеран феврала 23-чу дийнахь хилира и бохам. Тахана санна, кхоьлина деанчу цхьана кхаарин дийнахь. Іуьйранна арабевллачу салташа тхан йуьртара берриге а боьрша нах школе гулбира. Советски эскаран де даздеш, собрани гулбо, бохура. Оццу Іуьйранна, оццу минотехь изза динера нохчийн а, гІалгІайн а йерриге йарташкахь. Йуьртара берриге а боьрша нах чугулбелла бевлча, неІаршка ха хІоттийра. Корашна уллохула хевшинчу нахана арахьаьвсича гира, хІора корана тІе йуьхьигаш йерзийна хІиттийна лаьтта пулеметаш а, церан логаш тІе пІелгаш дехкина, царна уллохь Іохку салтий а. Адам цецделира. Иштта буьрсачу хьолехь хІунда даздо Советски эскаран де? Мила ву царна кхерам туьйсуш? Йа хьанна кхерам бу оцу машаречу нахера? Уьш цецбевлла а бовлале, царна хиира, эпсарш собрани йан гІерташ ца лелий. ХІетталц оцу йуьртахь царна гина а, йа оцу эпсарийн духарх тера духар а доцчу цхьамма, дІаса а ца хьийзош, нахе омра дира, шайгара герз охьадилла аьлла. ХІун герз? Тилла-х вац хетий и эпсар? Амма эпсаро хеттарш дихкира. Цо пІелг хьажийра нехан йукъах йихкинчу шаьлтанашна тІе. Шуна хаийта боху ас, законехь нохчашний, гІалгІашний бакъо йеллера шаьлтанаш лело. Церан духаран цхьа меже и лоруш.
Маьрша, машаречу колхозникаша, хьала а гІуьттуш, дайшкара дуьйна схьа лелош хилла шаьлтанаш, схьа а йостуш, капитулянташа санна, эпсарна тІе а оьхуш, цунна хьалха уьш охьатуьйсуш, оьла йира. Шайх деш дерг ца хууш хьийза нах йуха шайн-шайн метта дІанисбелча, оццу эпсаро боцца хаам бира: «Нохчийн, гІалгІайн халкъаш – йамарт, зуламе халкъаш ду. Царах баьллачу бехкана таІзар деш, правительствос сацамбина нохч-гІалгІайн халкъ гуттаренна а даха Юккъерчу Ази а, Казахстане а кхалхо. Кхалхочийн хьашташ кхочушдан бухахь бина кечам бу. Нагахь санна цхьана стага дуьхьало йахь, йерриге а йурт хьаллакйийр йу. Йуьртана бина гуо бу сийсара дуьйна. Цхьа а стаг а йуьрта вуьтуш а, йа чуьра араволуьйтуш а вац. Бертаза йуьртара аравала гІоьртинчунна герз тоха аьлла, дина омра а ду. Кху чуьра нах арабохур бу нийсса ши сахьт даьлча. Оцу шина сохьтехь йуьртара дерриге а адам – къена а, къона а, зударий а, бераш а – цхьа а са бухахь ца дуьтуш йуьртах ара а даьккхина, билгалчу метте дІагулдина хила деза. ТІаккха, гуонах ха а хІоттийна, шайн доьзалшна тІе дІадуьугур ду шу. ХІинца цкъа шуна йуккъера цхьа масех стаг аравоккхур ву. Эпсаршца цхьаьна баха а бахана, цара йуьртахь дІакхайкхо деза кхузахь шайна хезнарг. Адам кхалха кечдан деза цара. Адамашна кечдала а, йиллинчу метте дІагулдала а йелларг ши сахьт хан. Вада гІоьртинчунна а, ши сахьт дІадаьлча юьртахь карийначунна а тоьпаш тухур йу. Совнаха мохь новкъа ма баккха. Шайн тІейуху бедарш а, мотт-гІайба а, цхьана баттана кхачан сурсаташ а. Цул сов мохь машинашна тІебоккхуьйтур бац.»
Нахана йуккъехь гІовгІа йелира. Цхьаболчара бохура летта дала деза. Бисинарш дуьхьал бара. ХІун гІуллакх ду эрна хІаллакьхила? Вай дуьхьало йича, цара къенаниш, зударий а, бераш а дойъур ма ду. Делан болх ма бу хІара. Дала динчунна муьтІахь хила деза. ТІехула тІе, хІокхара лелориг, Іедална а, Сталинна а ца хууш шайггара лелош хила а ма мега. Сталинна хааза дуьсур ма дац хІара. Йа вай кхеро хІоттийна кеп хила а тарло. Йуьртах а даьхна, йуха цІа хоьцур ду… Доцца аьлча, болх Далла а, Сталинна а тІебиллина, сецира адам.
Оцу Іуьйранна деша дахана бераш новкъара а, школан кетІара а охьахьийсийра. «Тахана мукъа дуьту шу, – бохура цаьрга. – Шун школи чохь собрани хир йу. Аш садаІа». Мукъа дисира и де а, шолгІаниг а, кхоалгІаниг а. Бутт а. Ткъа дукхахболчарна ца дуьйгІира кхин цкъа а парти тІе ховшар.
Цхьа сахьт далале адам махьшаре лоьхкучу дийне тарйелира йурт. Зударийн цІогІанаш, доьлхучу кегийчу берийн маьхьарий. Къонахоша оьгІазе бетта барт. Махкана хиллачу бохамах кхетча санна, Іоьху даьхний, угІу жІаьлеш. ДогІмех цІераш хьаьлхина адамаш. Йуьртал арахьа маьІ-маьІІехь дуьйлу герзаш…
ХІетталц довха, маьлхе дара денош. БІаьстенна йалташ дІадийна довлла дохкура. Халкъана тІехь хІоттийна харцо ца лайна дара а хаац, йа Делан таІзарна дара а хаац, мухха делахь а, оцу дийнахь карзахделира Іалам. ЦІеххьана кхоьлира стигал. Йуьхьанца меллаша дилла доладелла ло буьрсачу дарце дирзира. Суна цкъа а мел шийлачу Іай а ца гинера и тайпа дарц. Оцу цІемзачу дийнахь, шайн йовха хІусамаш йуьтуш, арадуьйлура адамаш.
Ойла йехьа, Юра, цІа дуьззина доьзал болчу стеган. Цуьнан аьтто бац царна массарна а бедарш, мачаш эца. Йа, аьтто боллушехьа, эца мало йеш Іийна иза. Йа берашна стенна оьшу и барзакъаш, уьш стенга гІур бара бохуш, Іийна иза. Йовхачу хенахь тІехь шарбалш, когахь мачаш йоцуш ловзуш лела цуьнан уьш. Шелйелча – чохь совцу, йа лула-кула ловза боьлху. PoггІана цхьа мачаш йухуш, цхьа пальтон тІелхиг тІе а кхуллуш. Арахь шелбелча, бохбала чу а лелхаш. Ден-ненан ойла йац Іаьнан шелах уьш эцна цІера арабовла. И ойла хилча-м, цара хьалххе кечамбийр бара. ЦІеххьана хьийзочу дорцала аравала аьлча, да-нана мича хьоле дужур ду хаа хала дац.
Нохчийн боьршачу стагана эхь ду нахана а гуш шен бер ги доьллича. Амма оцу дийнахь уггар ша бен мила ву бохучу къонахчун гихь а, карахь а цхьацца бер дара. Гихь а, марахь а цхьацца бер дара ненан а. Истангех, йургІанех хьирчина, йуххе девллера дисинарш. Жимма а мохь айъа ницкъ болчун каралаьцна, ги боьллина а шенначул мохь. Гоьллелц догІучу лайлахула когашІуьйра салтийн гонна йуккъе а хІиттина йуьртах буьйлура уьш. Суна гира оцу Іуьйранна салташа йийначу Айзанан майра шен берашца араволуш. «XIaра хир дуйла хиънехь-м, шуна тІе а, кога а духучунна гІайгІа бина хир ма бара ас, бераш, – элира цо, йалх бераца уча а ваьлла. – ХІинца дан хІума дац-кх. Далла тІе болх биллина, новкъа девр ду-кх вай».
Гихь а, карахь а цхьацца бер дара цуьнан. Йуххе даьккхина каралаьцна цхьацца шад а болуш – диъ. Чохь маьнги тІехь йахйина Іуьллуш йисира оцу берийн нана. Ворданахь цІа деанера цуьнан дакъа. Оцу бераша хьоькхучу маьхьарийн цІогІано дог дорура адамийн.
Ткъа цхьаболчу салташа, бІаьргех мела хиш а лиэшаш, гІо дора нахана шайн миска сал-пал некъана кечйан, уьш чуьра арайаха, йиллинчу метте дІайахьа. Церан гихь а, карахь а гора кегий бераш, къен ларчанаш. Уьш гІертара берийн догъэца, баккхийчийн дог-ойла айъа. Ткъа шаьш а боьлхура. Церан дегнаш а дара Іийжаш, кхарзалуш. Амма церан ницкъ бацара и алха иэрчо сацо…
Амма оцу догдикачу салтийн эзарнашна йукъахь къизаниш a бовлура. Ишттачара хан ца лора некъана кечамбан а, оьшург схьаэца а. «Даймахкана йамартхой!», «Бандиташ!», «Фашистийн хьадалчаш!», «Аш Гитлерна гІо дина тхан доьзалш хІаллакбан!» – бохуш, чехош, Іуьттуш нах хьалхатуьттура цара. Тхо машина тІе дохучу буса суна хьалха нисйелира жима бер карахь зуда. Цкъа а машинашна тІе мичхьахула а, муха йала йеза а ца хаьа, тІехула тIe карахь жима бер долу иза хьейелира тІе ца йалалуш. Йуххехь лаьттачу салтичо катоьхна ког лаьцна цуьнан карара схьадаьккхина бер кхоьссина йуьстах лайлахула дІадахийтира. Мохь хьаькхна тІехьаьдда нана, и схьа а эцна, кхоьссина бер хьалха тІе а дахийтина, сихха хьалайелира.
Ас бехк ца буьллу оцу салтичунна. Хьанна хаьа, цхьанхьа фашисташа хІаллакбина хила тарлора цуьнан доьзал. МостагІех бекхам эца лаарх дуьзна хила тарлора цуьнан дог. Хьанна хаьа, цунна хьехна хила тарлора, нохчаша гитлеровцашна гІо дина, уьш йамарт нах бу, хьан доьзал церан гІоьнца хІаллакбина бохуш. И бакъ моьттуш, оьгІазло йоьссина хилла хир йара-кха цуьнан даг чу.
И буьйса йаккхийтира тхоьга эвла йистехь, йерзинчу стигла кІел. ГІодмийн цІевнех, истангех цхьа баннаш, четарш тайпа бахьанаш хІиттош, цу чу мох ца кхете ловчкъийра бераш. Буса сахиллалц йагош цІераш, царна гонаха, кІуьро бІаьргаш Іийжош, хевшина Іара адамаш. Ткъа гуонах луьра ха лаьттара. Туьпа тІе а йерзийна, гунашна тІе хІиттийна пулеметаш. Гуонах хьийза автоматчикаш. Цаторчу гІуллакхна а йуьстах ца волуьйтура цхьа а.
Шелоно сендинчу берийн белхарш. Цомгашчийн узарш. Хехоша детта маьхьарий. Оцу йуккъехула салташа пондарш а, эшарш а лоькхура. Кхоьлинчу стиглахула кхерстий, шийлачу дорцаца лаьтта охьадоьлхура къеначара олучу сингаттамечу назманийн аз. Наггахь, адамийн дог-ойла ойъуш, декара халкъан иллеш. Цхьаццанхьа йукъ-кара хелхаран бал а боккхура.
Кхин а ирча йара шолгІа а, кхоалгІа а буьйсанаш. Вуон дара ламанан некъаш. Цига машинаш йахкалур йу бохург хьехочохь а дацара. Тхо царна тІедаха дезара. Шен дегІаца воьдучу стагана сарралц бан а боцу некъ оха шина дийнахь бира. Дийнахь меллаша дІаоьхура, суьйранна, цхьанхьа туп тохийта, гуонах xa a xIoттадой, совцадора. Тхан некъ лекхачу дукъаца охьа бара. Ткъа дукъаца къаьсттина а шийла хуьлу. Цхьана минотана а оха дог ца дуьллура тхаьш тхайн хІусамашка йухадерзор ду бохучух. Амма кхоалгІачу буса йаьхкина тхуна тІехІиттира тІехула гатанаш тоьхна йолу американски студебеккерш. Царна тІе а дохуш, герггарчу станцешка а дигна, даьхний дIасалелочу вагонаш чудоьхкира. Уьш хиллера тхуна кечйина. Ши этаж полканаш йеш. ХІор а вагонна чу – тІекІел 20-25 доьзал. Шайн сал-палца цхьаьна. ТІаккха болабелира и Іазапан беха некъ. Де-буьйса далале, цхьа хьожа хІоьттира чу. Дийнахь цкъа-шозза бен чура ара ца довлуьйтура. Йуьстах ваьлла дан дезачу гІуллакхо бІарздора адамаш. Арахула дІакъевлина неІарш дІа ца йоьллура, хьо леш валлахь а. Бовха кхача хьехочохь а дацара. ДогІмаш, тІера бедарш бехйеллера. Мезаша хьийзадора. Йукъа йаьржира цамгарш. Дедда йукъа цхьаццанхьа эрна арахь эшелон сацийча, вагонаш тІера охьадохура беллачийн декъий.
Новкъахь сиэцарш дукха хуьлуш, цхьана батте девлира тхо схьа ца кхочуш. Цхьанхьа станце кхочуш сатуьйсура цигара мукъана а тхаьш йуха цІа дерзоре. Амма, шуна гуш ма-хиллара, ца дерзийра. Цхьа шо а кхечи, тахана-кхана цІа доьлху бохуш. Шо кхечи нохч-гІалгІайн халкъ дуьненан карти тІера дІадаьлла, тхан ненан маттахь йоза-дешар доцу, радио чухула дош ца хеза, тхох лаьцна зорбанехь дош ца олу. Амма оха диканах дог ца дуьллу. Тахана шо кхаьчча а, цІа ца диги тхо. Кханенга сатуьйсуш, цо диканиг дохьур ду бохуш, цунах маслаІат деш, лийриг а ле оцу нана-даймахке сатуьйсуш, цуьнга кхойкхуш. Цо собар, хьуьнар луш деха тхо. ДогІур ду и де, мацца деана а. Цунах тиэша со. Тхо дерриге а тиэша…
Лоьмин хабар чекхделира.
ЦІераца дІа когаш а хецна, тІулган цІенкъа гола а гІортийна, куьйга тІе корта а биллина, Лоьмин хабаре ладоьгІуш тевжина Іара Берса. Йуьхьанца цунна хезара и къамел дерриге а. Биэндоцуш ладоьгІура цо цуьнга. Наггахь, йуккъе чІеш хьовзадой, цІе марса а йоккхуш, накъостийн йаххьашна тІехула бІаьрг кхарстош, цара и къамел тІе муха оьцу а хьоьжуш, Іуьллура иза. Амма, дукха хан йалале, шен ойланца иза ша а вахара генарчу даймахка. Цо ша а ойланца карладохура оцу ирчачу дийнан сурт. ХІоьттина ши бІаьрг цІерга а боьгІна Іуьллучу цунна цхьа набарха санна хезара хьеха чохь гІайгІане доьлху Лоьмин къамел. Ца хаалора шийлачу тІулгаша шелбина агІо тхьус булуш а. Ца гора Юрин а, Адашбайн а бІаьргех леша сирла хиш а.
Лоьмин хабар сецча, шен ойланех цІеххьана самавелира иза. Хьалха санна, арахь тІедеттара шийла догІа. Даккхийчу тІадамашца ладарш Іено хьехан тхевнаца хьалха дІакхевдина тІулган йоккха экъа йоьлхуш санна хеталора. ХІоьттинчу тийналлехь хезара Юрас уьйзу са а, Адашбайс ден къора къурдаш а…
IX
ХІетта йолайеллера шолгІачу сменин занятеш. Хезара классашкахь урок хьоьхучу хьехархойн къамел, бераша лун жоьпаш a. Арахь ца соьцуш, шен кабинета чу а вахана, охьахиира Николай Кузьмич. Дешаран шеран кхоалгІа четверть чекхйала герга йара. Хьехархойн урокашка эха а, царна балха тІехь гІо дан а дезара. Амма Николай Кузьмичан дог ца догІура тахана хІумма а дан. Баккъала аьлча, ши-кхо бутт бара иза кху школехь цхьа а хІума кара ца догІуш лела. Колхозехь парторг волу иза йуьртан а, колхозан а гІуллакхаша ца вуьтура шен балха тІеверза. Цо жоп ло оцу йуьртахь хуьлучу муьлххачу а гІуллакхах. Иза дика кхетара шена тІехь лаьттачу жоьпаллин декхарх. ТІеман зама ма йу хІара. ТІом гена малхбузехь белахь а, хІара а йу шатайпа фронт. Къинхьегаман фронт. Тылан балхах дозуш ду толаман гІуллакх. Покровка-м лаьмнашна йукъа а йахана лаьтташ цхьа йурт бен йац. Амма къинхьегам, низам а хила деза массо йуьртахь, массо кІотарахь, хІор а бригадехь, фермехь, цхьа стаг ша бен воцчохь а. Дерриге – фронтана, дерриге – толамна иза йу партин а, халкъан а лозунг.
Амма хала ду-кх. Кху шарахь колхозан Іаьнна докъар кІезиг кечйелла, Чекхйала герга йу иза. Ткъа Іа хІинццалцчул а дахдала ойла хилла ду. Докъар, кхоош, йухаозоро гІелдина колхозан даьхний. Халачу хьоле довларх лардала гІерташ, йуьртарчу хІор а доьзало Іаьнах даккха колхозан цхьацца сту йа говр шайн-шайн цІа а дигна кхобуш ду. Уьш дикачу дилхалахь Іалашдан деза. ХІинцца тІекхочур йу бІаьсте, тІаккха оханаш дан, йалташ дІаден анддий стерчий, говраш ма йеза. И хууш лела колхозникаш. Цхьадика, бІаьстенна ден хIy а кхоччуш долуш ду. Іаьнна кІел йалта а дІадаханчу шарахьчул шозза алсам дийна. ГІуллакхаш дукха ледара-м дацара кхузахь, амма дагна синтем бац-кх. Цуьнан садууш деккъа ши хІума ду: тІом толамца сихха чекхбаларе сатийсар а, кхузарчу нохчийн кхоллам а.
Николай Кузьмича гІайгІане бІаьрг кхарстийра чухула. Дерриге а хьалха санна ду. Цуьнан белхан стол, пуржинаш ара а лилхина лаьтта тиша диван а, диъ гІант, тІе книгаш йоьттина лаьтта этажерка а. Пена тІера схьа цуьнга хьоьжу Ленинан хьекъале ши бІаьрг. Суьртана лахахула дІатоьхна дуьненан политически карта.
Цкъа ойла хилира цуьнан, йуьртсоветехула а ваьлла, колхозан конторе ваха. Амма арахь тІедеттачу догІано мало йойтура. Ишттачу кхоьлинчу дийнахь карзахйолу цуьнан сакхат ност. Оцу настаро цунна дагаваийтира Маил. ТІаьххье бІаьргашна хьалха схьахІоьттира цо хІинцца дІахьажийна миска ши зуда. Ткъа маса бІеннаш хир бу уьш оццу хьолехь! Хьанна хаьа, Казахстанан доза доцчу шуьйрачу аренашкахула, киргизийн лаьмнашкахула, дуьне мел ду а дІасабаржийна нохчий цигахь мича хьолехь бу?…
ХІаъ, нохчашка хІоьттинчу хьоло сагатдора цуьнан. Меттигерчу бахархойн шайн цІенош, бошмаш, кертахь а даьхний ду. Уьш цхьа а дац нохчийн. Даймахкаца цхьаьна цаьргара дІадаьккхира эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг дерриге а. Дерриге а дІадахнарг а, тІехиндерг а. Царна гІо дан ницкъ бац колхозан. БІаьста дІаден дитина хІу царна декъийла а йац. Цул сов, бIаьстене даьлла колхозан йалта кІезиг ду. Дерриге а – ши тонн. Цунах цхьа буьртиг а меттигерчу бахархошна дала йиш йац. Иза дерриге а нохчийн доьзалшна хьажийна дитина цара. Иштта бу колхозникийн йукъарчу гуламан сацам. Амма ма кІезиг ду-кх иза ткъа доьзална. Ткъа уггар хьалха хуьлуш болу мукх тІебан хІинца а биъ бутт хан йу. Йерриге а дегайовхо пачхьалкхан гІоьнна тІейирзина. Цхьа бутт хьалха дуьйна хаам хиллера, нохчийн хІор а доьзална шайн бахам меттахІотто гІоьнна пачхьалкхо ссуда а, кхаба цхьацца бежана а лур ду аьлла. ТІехула тІе, районан куьйгаллин дехарца, лакхара охьа дош делла кху районерчу нохчашна син цІарах лун паек алсамйаккха a. Амма генадаьлла-кх и дерриге а. Тахана кхайкхина районе йигна Анастасия Федоровна оцу хьокъехь йигна хиларе догдоху йуьртан куьйгалхоша.
«Амма, дерриге дуьне шайна дІа а делла, миччахьа а цхьанхьа баха охьаховшорах, нохчашна гур бац и бахам а, шаьш хьоьгу дика а. Царах хІораннан а дага тІехь ирча, луьра чов йу, церан дегнаш лозу. И чов йу дийнначу халкъан дага тІехь. И чов йерзалур йац лоьрашка а, ахчанца а, дохнашца а. Кхузарчу бахархоша догъэцаро жимма маслаІат до церан лазамна. Амма лазар дІатуьйр дац, оцу тІе муо хьаьвзар бац, уьш биначу лаьмнашка йуха ца берзийча. Цигахь ду церан дарба», – ойла йора Николай Кузьмича.
«ХІун бехк баьлла царах?» – лерехь декара оцу дуьззинчу шарахь хаддаза цуьнан хье охкуш долу хаттар.
Хаац…Хаац… ОххІай, мел дукха ду-кх цунна къайле хилла дисина гІуллакхаш!
Карлайуьйлура къона хан, студенчески шераш, эскарехь гІуллакх деш хилла машаре шераш.
Университетски аудитори. Иза а, кхин а бІеннаш а студенташ ладоьгІуш бу гІараваьллачу профессоран лекцега. Царна веза, цара лоьру и профессор. Иза дика стаг ву, цо берриге а шен ницкъ а, хаарш а схьало къоначу тІаьхьенна. Иза коммунист ву, партин тешаме кІант. Иза иштта хиларх шек вац цхьа а. Амма цхьана дийнахь и профессор балха ца вогІу. Ца вогІу шолгІачу а, кхоазлагІчу a дийнахь. ТІаккха царна хеза иза… партина дуьхьал, даймахкана йамарт, халкъан мостагІ хилла бохуш.
Хьовсийша цкъа? Ма Іовдал а хилла уьш! Денна шайна хьалха лекцеш йоьшуш, шайца къамел деш хилла и къоьжа профессор халкъан мостагІ хилар ца хиъна царна! Делхьа, ма хууш хилла цунна шен йамарт дог лечкъо, ма саьхьара стаг хилла иза. Империализман агентуро Іамийна хилла-кх!
Кхин. ГІаларчу берриге бахархошна дика вевза республикин, партин куьйгалхо. Шира большевик. Паччахьан тюрьмехь а валлийна, ссылкехь а Іамийна. Амма иза кхеро, цуьнан дог-ойла харцо ницкъ ца хилла цкъа а. Кхаа а революцехь дакъалаьцна цо. Шен берриге ницкъ дІабелла цо советски пачхьалкх чІагІйаран дуьхьа. Мацахлерчу слесарх хІинца гІараваьлла партийни а, пачхьалкхан а деятель хилла. Цхьа а шек вац цуьнан дерриге дахар тІехь цхьа а томмагІ доцуш цІена хиларх.
Амма цхьана дийнахь, Іуьйранна хьала а гІевттина, шаьш ураме бевлча, царна хеза и шира большевик халкъан мостагІ хилла бохуш.
Оцу цхьана шарахь «Іорабоху» эзарнаш «халкъан мостагІий», «адмашдайъархой», «империализман разведкин агенташ». Лецна, следстви чекхйаьлла, тоьпаш тоьхна. Уьш цабевзарш теша и таІзар нийса дина хиларх. Амма уьш хІоре а герггара бевзаш, цаьрца бехха хала некъ биначу накъосташна хаьа шен-шен накъост бехке воцуш хІаллакьхилар. ХІаъа, шен-шен накъост, доттагІ, гергарниг. Цабевзачарна тІехь дина таІзар нийса хиларх теша. Ткъа цуьнан бехкбоцу накъост, доттагІ, гергарниг бехкевеш гІалатло йалийтина пачхьалкхна кхерам цахилийтаран органаша. ХІун дийр дара ткъа. Революцин дуьхьа шен дахар дІадала реза ма вара иза даим а. Иза-м мичча хенахь а вала реза ма вара партин, революцин, халкъан, даймехкан дуьхьа. Иза хІаллакьхилла. ХІумма а дац, эзарнаш халкъан йамартхойх парти, даймохк цІанбеш, иза хІаллакьхиларх. Цундела, парти а, советски пачхьалкх a кхерамах кІелхьарйаьлла.
Иштта ойланаш йора «халкъан мостагІийн» накъосташа, доттагІаша, гергарчара…
Изза хетара хІетахь Николай Кузьмична а. Иза тешамза ваьллера адамех, Іилманчех, партин, пачхьалкхан куьйгалхойх, тІеман начальникех. «Хьанна хаьа, хІара халкъан мостагІ, империалистийн агент велахь а?» – даг чу оьхура, цхьаъ гича. Иза йуьхьанца дара. Амма и «шпионаш», «адмашдайъархой», «халкъан мостагІий» дукха хила боларо, цуьнга а ойла йайтира. Амма хеттарш дар, оцу гІуллакхан кІорге гІертар кхераме дара.
Бехке ца хилча, прессо даррехь бехке бийр ма бац уьш. Сталинна дика хуур ду. Иза гІалат волийла ма дац,» – олий, ша-шена маслаІат дора цо.
ХІетахь-м къона вара Николай Кузьмич. Цуьнан-м хьекъал а дацара оцу гІуллакхийн кІорге кхиа. Цул тІаьхьа бархІ шо даьлла. ХІетахь дуьйна схьа массо а агІор кхиъна иза. ХІинца иза ленински коммунистически партин член ву. Цунна лаьа коммунистически партин сий халкъана, дуьненна а хьалха цІена лардан. Иза хІор а коммунистан сийлахь декхар ду. Цундела йо цо оцу гІуллакхийн дукха ойла. Мел ойлайарах а, иза тІаьхьакхиац кавказски халкъашна тІехь диначу таІзарна. Нагахь бархІ шо хьалха йукъ-йукъара лоьцуш бІе эзарнаш нах хІаллакбеш хиллехь, хІинца дийнна халкъашна тІехь таІзарш дан долийна. Цхьана дийнахь – миллионашна. Царна йукъахь бу зударий, бераш, къена нах. Партина, халкъана, даймахкана даккхий гІуллакхаш дина нах а. Граждански а, хІокху тІеман а турпалхой а. Дийнна и халкъаш даймахкана йамарт хилла бохуш, уьш бехдеш эладита леладо НКВД-н белхалоша. Амма оцу халкъийн бехках, царна тІехь йиначу кхиэлах лаьцна цхьа а дош ца аьлла прессо а, ца йаздо литературехь а.
«ХІун ду-те хуьлуш дерг? – хоьттура цо шега. – ХІинца со теша ткъе вуьрхІитталгІачу шарахь хІаллакбина нах берриге а бехке хилла цахиларх. Ткъа махках даьхна халкъаш бехке ду бохург-м аьттехьа а дац. Империалистийн агентурин куьйгашца лелийна гІуллакхаш ду-те уьш дерриге а? Уьш-м даим бу советийн махкана дуьхьал тІамна кечлуш, цунна цергаш хьекхош. Шаьш тІом болабале, шайн разведкин гІоьнца партин, советийн, къаьсттина а тІеман деятельш хІаллакбина-те цара? Блюхер, Тухачевский, Якир, Уборович, Корка, Эйдеман, Фельдман, Примаков, Дыбенко. Кхин мел дукха бу уьш. Амма муха кхаьчна церан уьш хІаллакбан ницкъ? Схьахетарехь, империализман разведкин аьтто нисбелла хир бу партийни, тІеман, НКВД-н лакхарчу куьйгалле балха тасабала. Ткъа Сталинна хууш хилла хир дац и нах бехке цахилар. Харцонна дуьхьал йаздина аьрзнаш, сигналаш цунна тІе кхочуьйтуш хилла хир йац. Ма-йоьлххура уьш баккъал а болчу халкъан мостагІийн карайоьлхуш хилла хир йу, ткъа цара, уьш хІаллак а йой, Сталинна хьалха харц материалаш хІиттош хилла хир йу. Ткъа Сталин царах теша ма веза. Массанхьа массарна а тІекхиъна вер ма вац иза…»
Николай Кузьмич, доккха са а даьккхина, хьала а гІеттина, коре вахара. ТІедоьлху догІа жимма лагІделлера. Малхбале айъайала гІерташ гора. Генабоццуш басахула чу кешнашкара охьабогІучу гІашлойн некъа меллаша охьавогІура цхьа воккха стаг. Иза Іабдул-Іаьзам ву. Ша балхара цІа вогІуш и серий цо хІунда кхоьхьу а хаьара Николай Кузьмична. Цо дина тускар ду Мария Петровнин дукха хьомсара лелош. СовгІатна Николай Кузьмична а белла цо ша бина нохчийн Іайг. Говза куьйгаш а, хьекъале корта а, къонахаллех дуьзна цІена дог а, оьзда дегІ а ду воккхачу стеган.
Амма…
«Амма, хІунда ваьккхина и воккха стаг махках? – хоьттура цо шега, воккхачу стаге а хьоьжуш. – ХІан, партийни, советски, тІеман куьйгалхой-м империалисташа шайна пайденна хІаллакбайтийтина хила а тарло. Ткъа и миска халкъаш махкахдахарх хьанна пайда хир бара? Пайда, пайда… Хьанна хаьа, кхузахь а хила тарло империалистийн лехамаш. СССР-н халкъийн доттагІаллех, цхьабарт, цхьанийса бакъонаш, дахарехь цхьа Іалашо, цхьа идеяш хиларх ца йоллу ткъа советски пачхьалкхан йохалун йоцу чІагІо? И барт, и доттагІалла, и цхьаалла йохаре сатуьйсуш, даррехь а, къайлах а цуьнан бух ахка гІерташ бац ткъа империалисташ? Шайн куьйга масех къоман автономи а йохийна, и халкъаш махках a даьхна, бехк советски Іедална, коммунистически партина тІе а теттина, изий, важий дуьненна хьалха сийсазйан Іалашо йолуш дина-те цара иза? Йа советски халкъашна йуккъе мостагІалла дожо Іалашо йолуш дина-те? Йа гитлеровски фашизман гІаддайначу муьрехь и къаьмнаш махках даха меттах а хьадина, советски эскарийн букъа тІехьа гІаттам хилийта Іалашо йолуш дина-те? Къастийнарш а ду, шайн исторически дІадаханчуьнга хьаьжча, тІе бехк кхолла а, оцу бехках кхин долу халкъаш теша а атта дерш. Иттаннаш шерашкахь паччахьан Россина дуьхьал къийсам латтийна нохчий. Мацах цкъа оьрсашна тІехь олалла латтийначу татарех, монголех схьадевлла балкхаройн, кхарачойн, гІалмакхойн халкъаш а.
… ХІан-хІа, ойлайарх тІаьхьакхуьур вац оцу гІуллакхна. Корта хьербер бу. Амма оцу харцонна бехкениг милла велахь а, ша дагалаьцнарг цуьнан кхочуш-м хир дац. Дуьненахь ницкъ хир бац советски халкъийн барт, доттагІалла, цхьаалла йохо, халкъан партега болу тешам байъа, и шиъ вовшахкъасто, партин сий дайъа. Партис шен съездехь, шен ЦК-н пленумехь ца хІоттийна, ца чІагІдина уьш махкахбахаран гІуллакх. Амма, мацца а цкъа, и харцо нисйеш, и гІуллакх дийцаре дуьллур ду съездехь. ОххІай, ма чІогІа а дуьйцур ду, ма неІалт а кхайкхор ду бехкеволчунна. Къаьмнийн хьокъехь йолчу ленински политикин толаман деза де хир ду иза. Цунах теша со а, со санна долу миллионаш советски адамаш a!»
Николай Кузьмична ца хаьара нохчий а, гІалгІай а махках бохуш йиначу операцина тІехь куьйгалла динарг Сталинан уггар тешаме доттаг1, гергара накъост, «халкьан сийлахь кІант» Берия хилар.
Больницера араваьлла Іалха цхьа сту боьжначу салазахь дакъа дохьуш вогІучу Іабдул-Іаьзамна а, гІиргазойн воккхачу шина стагана а тІенисвелира.
Іабдул-Іаьзамна хазахийтира Іалха гича.
– ЭхІ, ма дика ду-кх, Іалха, хьо тІенисвелла. Миска Аюб ву оха цІа валориг. Лома кІел некъа йистехь велла карийна хІара. ДІаволла накъостий мичара хир бу-те бохуш, ойла йеш вогІура со. Цхьадика, Муса а ву хьоьца-м. Вадал, чехкка, миччахь велахь а, схьакаравай, Межед а, Іела а схьавалавел. И шиъ воцург, кхин дегІехь ницкъ болуш боьрша стаг вац йуьртахь. И шиъ охьавожахь, айса хІун дер хаац. Лоьма а, Берса а лаха. РоггІана каш доккхур аш.
Аюбан ши кІанттий, ши йоІІий дара. КІентий – зударий а, доьзалш а болуш, шайн ков-керт йолуш, ткъа йоІарий – луларчу йарташкахь марехь. Гуьмсехь эшелонаш тІе бохуш, цхьацца эшелонна тІе а баьхна, вовшахкъаьстина доьзал а. Ши кІант Ош областехь цхьацца районашка нисвеллера, ткъа ши йоІ мичахь йу ца хаьара. Ши бутт хьалха хІусамнана а йелла, ша висинера Аюб.
Кху йуьртахь гІиргІазойн цІенош билггал дара. Поппаран хьокхамех доьттина пенаш, легІана, цхьана агІор хи додуш, латта тІетесна тхевнаш. Цхьаццанийн цІа чохь пенаца хьала шуьйра товха хуьлура, ткъа дукхахболчара, цІенкъа йуккъехь кІаг а боккхий, оцу чохь цІе а латайой, цунах алу йаьлча, гуонаха мотт буьллий, когаш корехьа а болуш, цунна гуобоккхий охьабуьйшура. ЦІенкъа йуккъехь йогучу цІеран кІур, цІа чухула гуо туьйсуш хьийзий, тховх дитинчу доккхачу Іуьргехула араболура.
ЦІа арахула а, чухула а поппарца кхарта-муртане хьохура, амма йа кир а, йа кІир а ца тухура. Колхозаш йахккалц хІокху Покровкера дукхахболу гІиргІазой йарташкахь ца бехаш, лаьмнашкахь четарш детташ, шайн жашца цхьанхьара кхечахьа кхелхаш, леллера, цундела дара церан цІенош иштта мух-мухха а дина.
Аюб чувахьале, цІа чуьра хьал муха ду хьажа чувахара Іабдул-Іаьзам а, Іалха а. Аюбан йоккхачу стага, пенаш шардеш поппар хьаьхна, можа гІум хьаькхна, цІена дара цІа. ЦІенкъа а поппар хьаькхна шера йара. Товханахь кху тІаьххьарчу дийнахь-буса цІе ца латийнера. Схьахетарехь, цІе лато дечиг хилла хир дацара. ЦІенкъа дуткъа чкъор деш ча а даржийна, оцу тІе тесна цІена къорза истанг а, кенийн гІайба а, баьрччехь дІалеІна шиъ боьзан йуpгIa a, дуьххьехь хІоттийна гай чу таьІна цІестан кІудал а, тас а, гІуммагІ а дара. Тесахь кІеззиг хи а дара. Схьахетарехь, Іуьйранна ламаз эцча дІакхоссаза дисинера иза. Ши-кхо кхийра кад а, дечкан Іайгаш а дара терхи тІехь. Кхин бахам бацара гуш.
– ХІусамнана йеллачу хенахь, хаза куз бара хІокхеран, – элира Іабдул-Іаьзама ойлане. – Йуучух боьхкина хир бу мискано.
Дакъа цІа чу а деана, истанга тІе охьадиллира цара. Іабдул-Іаьзама, тІе а вахана, кІудал дІасаластийра. Иза йаьсса йара.
– Сарыбай, шуьшинна болх ло ас, – вист ца хуьлуш, дехьо лаьттачу шина воккхачу стагана тІевирзира иза. – И шун кхазан олу боккха йай беза хи дохдан. Цхьанхьара карабай, ара дІа а хІоттабай, и буззий хи дохде. Хи дан хІара кІудал йу шуна. Дечиган гІайгІа а бе. ХІокху кертахь чІеш дац. Хьо соьца дІавола, Іалха.
Іабдул-Іаьзаман цІахь берриг гІирс бара велларг лийчо. Цо ша леррина кечдина дакъа тІедуьллу у а, миччара даьхнехь а, сабанаш а, ша кІадинах тегна каранаш а, стаммий, луьста цергаш йолуш маІанах йина коьртах хьокху гІиргІазойн йехк а.
И гІирс бохьуш йухавеъча, Аюбна тІера бедарш дІайаха вуьйлира и шиъ. Амма уьш дІайохуш дукха къахьега а ца дийзира. Дерзинчу дегІана тІейуьйхина чу бамба буьллуш аьхна тужурка а, хеча а, когахь тиша неІар-мачаш – и дара дерриг веллачун духар.
– ХІинца, Делан дуьхьа, хІара Аюб лийчор ву-кх вайша, – элира Іабдул-Іаьзама, азделла, массо даьІахк тІейаьлла дакъа уьнна тІе а диллина.
Іалхина хаьара Іабдул-Іаьзама велларг лийчош йехк хІунда лелайо. ХІара таханлера болх денна бохург санна бан безачу Іалхина дукха гинера модаша а, мезаша а дуьзна декъий. Мезий хуьлура коьрта тІехь, цкъоцкъамашна, можана, мекхашна йуккъехь а, чу-кІелахь, чо мел баьллачохь. Уьш, и йехк хьоькхуш, дІадохура, цунах а гІуллакх ца хилча, цхьацца йолу меттигаш уьрсаца йаша йезаш нислора.
Цхьадика, Аюбан дакъа оццул ирча дацара. Ша мел мацалла вуон хьоьгуш хиллехь а, ламазна дегІ цІена лелийнера цо.
– Дуьненахь адамашна лело сийлахь а, хала дерг – оьздангалла йу. ДегІан а, син а оьздангалла. Ша мацалла мел доккха Іазап хьегнехь а, дегІан а, син а оьздангаллех ца вухуш, Далла дуьхьал ваха хІара. Цхьаьнгге а шегара бала ца балхий, цхьаьнгге а йеха а ца ваха, цхьаннен а рицкъанна тІе куьг а ца даьхьи. ДегІ цІена а лелий, ламаз-марха а ца дити. Миска, цхьанхьа шен йийбарх цхьа хІума а йоьхкина, и цхьа кад хьаьжкІаш йохьуш вогІуш, кхелхина. Дала гечдойла хІокхунна!
– Кху чохь йисинчу хІуманашна хІун дийр ду? – хаьттира Іалхас. – Кхузахь хІокхуьнан гергара стаг а ма вац?
– Цхьа аьтто боц-боцчарна хІокхунна a, доьзална à тІера сагІина дІалур йу-кх.
Лийчийна дакъа истанга йукъа а хьарчийна, боккхачу меха тІийриг йоьллина, гена-гена маха а боккхуш, истанган йистош дІатийгира Іабдул-Іаьзама.
– ХІан, Аюб кийча ву-кх хІинца. ХІара Іазап хьегна ваьлла декъала да а ву. Сарыбай, салаз уьйтІа озайел!
…Тезет, кадам… уьш дІадевллера хІокху тІаьххьарчу масех баттахь. Веллачунна КъорІан дешар, зуькардар, сагІадаккхар а дагадогІучохь а дацара. ХІинца хІара Аюб санна, лийча а вой, истангна йа йургІанна, йа одеялна йукъа а хьарчавой, шина-кхаа стага дІахьой, дІавуллура. ГІо дан и ши-кхоъ стаг воцуш, зудчо – майра, нанас – бер, йишас – ваша, берийн гІоьнца, йа ша салахь тІехь, йа ги а тухий, йа лами тІе а вуьллий текхош кешнашка а вуьгий, цхьа ax метр кІорга каш а доккхий, тІехь йеса а, заІам а ца доьшуш, белларш дІабухкуш меттигаш дукха нислора гондІарчу йарташкахь.
ХІара Іабдул-Іаьзам дІаваьлча, хІокху Покровкехь болчу нохчашна а изза хир ду.
Хьалххе кхуза веанчу Іелас а, Межеда a, Мусас a цхьа метар кІорга каш даьккхинера.
Кошан коьрте йоьгІначу дечигна тІе Аюбан цІе йазйира. Цуьнан ден цІе цхьанне а ца хаьара.
ТІаккха Іабдул-Іаьзама, дагахь йеса а, заІам дешна, доІа дира.
ХІокху Покровке нохчийн ткъа доьзал балийна. ХІинцале кхузахь шовзткъа сов каш ду…
X
Йуьрта йистехь, кхечарех къаьстина, буо санна, гІийла го цхьа цІа. КІезиг ча а тухуш биначу поппарх доьттина, цкъа а хьахаза долу цуьнан пенаш гуобаьккхина эттІа, мохана дуьхьало йоцуш ду. Уьш къарздина тІедиттинчу гІийн хьокхамаша. ХІинца а ду уьш масех цхьана пена тІелатийна, хазза7 дакъадалаза. ТІе латта a тосуш, легІана биначу тхов тІера дика охьа ца хьоду хи. Цо тІейелхийна тховн йистеш экхано ка диттича санна йу.
Аннаш херадевлла тиша неІ схьайиллича, боданечу жимачу цІа чу волу. Цхьа долчу цхьана коран шина бІаьрган ангалеш а дац. Уьш доьхначу теІийна тиша тІелхигаш йу. Чохь гуш йац мотт-гІайба а, кад-Іайг а. Мел стомма а стаг чухула паргІат хьала а валалур волуш йолчу товханан шуьйрачу туьнкалгехула охьадеттачу догІанна кІел лата ца туьгуш, кІур туьйсуш сийса тІуьна гІий. Гобаьккхина чухьоькхучу мохо арабала ца буьту кІур чухула го бохуш хьийза. Цо Іарждина пенаш а, тхов а, сегІаз хьаькхча санна, лепа.