Сайн некъан тешамечу накъостна МухIажарна
Хьалхара дакъа
Дорцан йуьхь
I корта. Шийтта шо даьлча
Сайн дуй ас ларбина, сий деш.
И бицбеш минот сан йалахь,
Дуьне а, эхaрт а къахьдеш,
Cox бекхам оьцийла Дала!
Ш. Петефи. Хьалхара дуй
1
Гати-Юьрта кIел, Яьсси-хин йистонца, итт урд хиллал нийса йеакӀов аре йу. Йуьртарчу къеначу нахана а дага ца йогIу, цигара хьун а хьаькхна, йага а йина, дIа а йаьккхина, и аре леррина шарйеш тойина хан. ХІор а шарахь хуьлу хьуьнарийн хьийсарш дIадахьа шайн дендайша кечйина йу иза, олу цара. Цхьана хенахь и тайпа деза денош, цара дийцарехь, сих-сиха хиллачух тера ду: бIaьстенан оханаш долош а, гуьйранна йалташ чудерзийча а, ломара даьхний цIа дирзича а.
Амма иза мацах цкъа хилла. ДІaихначу бIeшeраша дуккхана а тIе шен цIеран сиз хьаькхна. ТІaьххьарчу шерашкахь кхузахь хьуьнарш къовсар вовшахтуху воцчунна кIант вича а, йа Сибрехара, йа Хонкаран махкара, дуккха а хан йаьккхина, йуьрто лоруш волу къонах цIа веъча а.
Кху арен тIе дажа бежана лаллар а дихкина. Кхузахь гуттар а и сийна йолчу хенахь хьокхий дIайоккху буц. БІaьстeнaн йуьxхьехь а, гурахь а.
Кху меттигах ЦIеран Ape oлу. И цIе маца тиллина а, хIунда тиллина а хаац цхьанне а. Нийса аьлча, цуьнан дуьxe кхиа гIерташ стаг а ца ваьлла.
Хьеран тIулг санна, говрийн бергaшa aьгна хIокху аренан гуо. Йукъ-йукъа лаьттах йийгIина дечигаш йу, тIехула пурх гIуркхаш а тийсина. Цхьа аьрша кIорга, кхоъ-йиъ аьрша шуьйра оьрнаш а ду. Ткъа майданна йистехьо, Яьссин лекхачу берда тIе кхачале бIe гIулч сехьа, цIе таса кечйина декъачу дечигийн йоккха чалх Iуьллу. И гIуркхаш а, оьрнаш а, цIе а говрашца хьуьнарш къийса кечйина.
Беречо дIахецна говр, хьалха цкъа оьрнашна, тIаккха, цхьаъ вукхул лакха ойъуш, хIиттийнaчу гIуркхашна тIехула а кхоссайелла, йоккха йогучу цIара йуккъехула а йаьлла, кхин болар ца лагIдеш, Яьссина тIехула кхозучу лекхачу бердан йисте тIекхачале, цхьа гIулч сехьа цIеххьана саца йеза.
Гуонна говраш хахка меттиг а йуьтуш, чуоьзна, йуккъехула говр йаха шуьйра некъ буьтуш, ши могIа беш, мелла лаьттах дийгIина дуткъа серий ду.
И кечам говрашкахь хьуьнарш къyьйсу долчарна бина. Амма къийсарш, ца долош, цхьаьнга-м хьийсош лаьттара. Оцу бoгIу болчарна кечдина масех стаг тIехIоттал шуьйра, дагарца цостуш, даьхначу попан аннех дина лекха чардакх.
И йоллу аре дIалаьцна адам лаьтта кхузахь. Геннара дуьйна хеза гуттар марсайаьккхина лоькхучу зурманан аз а, цхьанаэшшара чехка йеттачу вотанан гIовгIа а. Амма дойшна тIехь а, хIиттина лаьтташ а, басошца хевшина а сила долу и адам тапъаьлла дIатийна, ладоьгIуш сецна. Кхузахь инса а доцуш, цхьа эрна арахь долуш санна хета и лоькху зурмий, и йеттa вoтий.
Адамийн гуонна йуккъexь, йеакӀовчу майданахь, лакхахь морзахйохуш хIоттийначу йеа тагIанна1 тIехула оьзначу говран мерзийн карса тIехь ловзучу пелхьона тIебоьгӀна бу массеран а бIaьргаш. Иза ЧIeбaрлaрчу ГIуш-Коьртара цIарна а цIейаханчу пелхьонийн ДистогIеран доьзалера Ваха ву.
Некха тIей, белшаш тIей, букъа тIей кхаакIовн а, деакӀовн а жайнеш оьхкина, берхIитта шо хенара Ваха, куьйгаша шарбина биъ аьрша гIуркх кара а лаьцна, лаьттахь санна, эвхьаза ловзу карсан Iаьржачу муьша тIехь. ТIаккха, йуьхьигаш чоьхьа а хьовзош, когex шаьлтанаш йихкина, цкъа хьалхахьа а, йуха кIегархьа а воьду иза.
– Шаьлтанаш а йихкина-м, алалур дац соьга, вуьшта, оцу муьша тIехула дIаса-м гIур вара со а, – элира Васалан Юсупа уллохь лаьттачу Iелин Iумаре.
– Цхьана кога тIe a xIоьттина, шарбала чу ког ца боллало хьо!
– ГIовгIанаш! – лохха човхийра уьш Болата.
Муш къовлуш, морзахйаьхначу тaгIaнaш йуккъе охьа а хиъна, чу а кхевдина, бухахь ловзучу шина жухаргах цхьаьнга цхьаъ-м элира пелхьоно. Ши жухарг, гуонна йукъахула а уьдуш, мохь бетта вуьйлира:
– Итт-шийтта шо хенара кIант къаста! Пелхьонан коьшкала хаа!
– Вуй майра кIант, пелхьон коьшкалаxь муьшана тIехула чекхвала?
– Со вахийтахьа, Iумар, – дехар дира уллохь сирачу динахь Iачу Аьрзун Мохьмада.
– Ца оьшу, – доцца хадийра вукхо.
– ДIахьовсийша, ХортIин жимахверг хьалхагIертий-ца! – тIехьа пIелг хьажийра Іумаран вашас Iелин Iусмана.
– Майра кIант схьавала! – мохь беттара жухаргаша.
– Комарийн дитта тIе ваьлча а, бIагор богIучу ХортIин Iузара2 кIантал а оьшуш хили-кх со, – вусавелира Мохьмад.
– Ша хирг хир, дIаэккха, Мохьмад! – куьг ластийра Болата. – Вай а ма дац нанна тIаьхьа даьхкина.
Говpара охьа а иккхина, нехан пхьаьрсашна кIелхула, охьатеIаш, чIара санна, йуккъехула чекхвуьйлуш, вахана жухаргашна хьалха а хIоьттина, курра йуханехьа хьаьжира Мохьмад. ХортIин Iабди хIинца а гучувалаза вара.
Ши ког цхьана агIор бохуьйтуш, охьахиъна, муьшана тIехула хахкавелла чувеанчу пелхьоно, вела а къежна, белша тIе куьг туьйхира кIантана:
– Кхера-м лур вац хьо, жима къонах?
Цуьнан хаттарх ца ваьшначу Мохьмадан велар иккхира.
– Коьшкала а хаий, куьйгаш сан белшаш тIе а дахкий, саца. Варлахь, лаг ма лацалахь. Кa a мa дeтта. Хьо говраxь волуш санна, пaргIат Iелаxь.
Голаш тIе охьа а лахвелла, Мохьмад шен коьшкала а хаийна, раз тесначу карсана тIехула хьала а ваьлла, шина шалго йуккъexь сецна, гIуркх кара а лаьцна, хьалхахьа дIаволавелира пелхьо. Мохьмадна ма-моьтту атта а ца хиллера хIара гIуллакх. Пелхьон белшаш тIера охьахьаьжча, йолчу тIе а лекха хетара карс. Баганаш гIовттийна, лахара хьалахьуьйсу адамаш а кегийpa хетара. Шалгонна дехьо ваьлла, пелхьо хьалий, охьий кхийсавала воьлча, коьрте бIагор беара Мохьмадна. Куьйгийн пӀелгаш цуьнан бертаза пелхьонан белшех тасаделира, ткъа нaстaрийн голаш лога тIе таьIира.
– Мегар дац! – хезира пелхьонан лохха, паргIат аз.
Ши бIaьрг хьаббина, куьйгаш, настарш малйира Мохьмада.
– Ши бIaьрг белла, зудабер! – нахана йукъара схьа маьхьарий хезира цунна.
«Гина-кх царна со!» – цеpгaшца балда Іaьвшира Мохьмада. Ши бIaьрг биллина, хьалха дІахьаьжира иза. Дуьхьаларчу шалгонна тIекхача ши гIулч бен ца йисинера. Амма, Мохьмадан дакъазаллина санна, пелхьо кIегарволавелира. «Хьонка нIaьна хилахьара кху гIуллакхах!» – Мохьмад, шуьйрра вела а велла, курра дIасахьаьжира.
– ХIейт, гора, Мохьмад, йаI!
– Йан а йу хьо аьрзунан кIорни!
Лаьтта воьссинчу Мохьмада, паргIатваьлла, доккха сaдaьккхира. Лакха тIехь цо къийлинa нaстaрш халла хаалуш йегайора. Нахана и хаадаларна кхеравелла, иза дIахьаьдча, тIекхеттачу жухарго, айъина, белша тIе а хаийна, гуонна йуккъехула хьовзийра.
– Майра кIант ган луург Аьрзун Мохьмаде хьовca! XIинца цкъа къона леча ду хIара, цхьа шо даьлча, ламанан аьрзу хир ду xIокхунах!
И мохь бетташ, цхьа гуо а баьхьна, кара шай а делла, кIант дIахийцира цо.
– Гора, борз, йаI! И ши бIaьрг хIунда хьаббира ахь? – xьийзо волийра иза, хIара шен нуьйра тарвелла а вaлaле.
– БIагор беанера суна…
– Хьий, йоI!
– Кхин гIоцIа боццушеxь, вара хьо ХортIин Iабдина хьалха гIерташ?
– Хьовcийша, хьовcийша! – мохь белира Iусманан.
– XIун хилла?
– Муьша тIе!
Кара лаьцна буткъа гIуркх болуш, шалго йуккъе хIоьттина лаьттара шийтта-кхойтта шо хенара йоI.
XIун дара а хаац, и жима йоI гича, схьаэккха санна, тохaдeлиpa Moxьмадан дог. Балдаш делладеллачохь севццера, бIaьргаш йоIана тIебогIабеллачуьра дIабовла ца туьгура. КIанта шен дагахь хьоьстура хIетта йахйала йоьлла цуьнан Iаьржачу месийн йуькъа ши чIаба а, бIaьстeнaн цIеначу хIoнeхь йогу ховха беснеш a, Iaьржачу бIaьргашна тIехула хьаргIанан тIамарш даржийна, айаделла цІоцкъамаш а.
ЙоьIан хьуьнарех цецбуьйлуш, дайн маьхьарий а, лохха шакарш а йеттара, даккхий синош дoхура уллохь лаьттачу баккхийчара. Амма Мохьмадна ца гора йоIа муьша тIехь лелориг. Иза оцу жимачу йоьIан йийcapexь вара.
Майданан цхьана маьIIexь лохха йевлла гIовгIанаш, хин тулгIе санна, йаьржира сила долчу адамашна йуккъехула.
– БогIуш бу! БогIуш бу!
Массеран бIaьргаш дIахьаьвсира йуьртара схьа варша йуккъехула кху майдана богIучу новкъа. Цигахула гучуйелира дошлойн жима ковра.
– Муьлха ву царах эла Авалу?
– И дIо расха говpара тIапа куй берг.
– Цунна уллорниг?
– Ойшин Чомакх!
– Хьа, даьдиса оцу берзан!
– Iедалций, наxаций тарвала гIерта.
– Ледара вац Чомакх.
– Хуур ду-кх, цхьаъ тIедеача.
– Цунна тIаьхьа вогIу жима стаг?
– Бенoйн Элби.
– Ткъа важа кIайн маж йерг?
– Иза нажийуьртахойн йуьртда Шахьболат ву-кх.
– Момин Хьоту мa вусавелла!
– Ма цхьаьна а кхетта!
– CaгIадоьхурган ахьарш санна!
Хьеший лоруш, дIасахиллачу адамаша хьовсa aьтто боллучуьра меттиг битира царна.
Цхьана минотана йаьлла гIовгIа дIатийра. Адамийн хьажар йуха а тIедирзира муьша тIехь ловзучу жимачу йоIана.
* * *
Россин импери чохь дехачу къаьмнаш тIехь шен колониальни Iедал а, политика а хIор а къоман амалшкий, гIиллакхашкий, цуьнгара шена кхерамаллей, кхерамазаллей хьаьжжина леладо паччахьан правительствос.
ХIокху Кавказан Iедалан коьрте шен ницкъ кхочуш кавказхо а, ткъа меттигерчу къаьмнийн коьрте оцу къаьмнех стаг а ца вохуьйту цо.
Россия «къаьмнийн набахти» йара, хIор а халкъана шена-шена камера а йолуш. Амма царна чохь баллочу тутмакхашна тIехь латто тергам цхьатера бацара. Иза а бара тутмакхех даьллачу зуламе, цаьрга болчу тешаме хьаьжжина. Цхьайолу «камераш» тоьхна догIа а доцуш, ха деш стаг воцуш хуьлура, цхьаболчарна масех «камера» ларйан цхьа хехо хIоттавора, ткъа хIокху нохчийн халкъан камеран, масех догIа а тоьхна, масех гIуй, зайл а боьллина, диллина дIа латтош чIогIа, сема ха ду. Кху лаьмнашкахь дехачу къаьмнех барамехь уггар доккха а, шатайпа лакхара демократически йукъараллина дIахIоттам болуш, шена тIехь цхьаннен а олалла ца лайна, йа лан ойла а йоцуш маьрша даьхначу хIокху къармазечу нохчийн халкъо, Кавказ дIалоцуш йеха а, уггар луьра а, буьрса а дуьхьало йинера Россина. Цо и дуьхьало ца сацайо нийсса бIе шо ду. Къарделла саца ойла а йац. ХIара халкъ зуламхо-рецидивист ду. Шена тIехь шатайпа тергам, Iедал, таIзар латто дезаш. И декхарш кхузахь кхиамца кхочушдора правительствос. Халкъан маршонехьа къийсам хьоьшура акхачу къизаллица. Иза а дора колониально-интернациональни политикица. Оьрсийн эскаршна гIо дора гуьржийн, эрмалойн, азербайджанийн, дагестанхойн, хIирийн, гIалмакхойн, хIокху нохчийн шайн вежарех, гIалгIайх халкъех схьайевллачу цхьакIеззигчу йовсарийн гIоьнца. Шен маршонехьа къийсам латто хIара нохчий хIаллакбеш, церан йарташ, йалташ, хьаннаш бошмаш йагош, зударий, бераш, къена нах а махках бохуш, уьш Сибрех, Хонкара а дIахьийсош.
И гIуллакх Iаламат хIиллане долийра Iедало. Нохчийчохь шен къиза тIеман-колониальни политика гондIарчу къаьмнийн векалийн куьйгашца кхочушйора правительствос. Ткъа оцу кIеззигчу векалшка болу цабезам уьш схьабевллачу къаьмнашна тIе а баьржина. Ламанан халкъашна йуккъехь мостагIалла кхуллура, цаьрга вовшийн хьоьшуьйтура, шайна тIехь латточу къизаллина, харцонашна дуьхьал къийсамехь цхьаьнакхетарна йоккха новкъарло йора, къаьсттина а хIара нохчийн халкъ, кхечарех дIакъастадой, цхьалха дуьтура.
Тахана а Нохчийн округашкахь начальникаш а, приставаш а, эскарийн отрядийн командираш а бара масех къомах нах. Амма цхьа а нохчо вацара.
Ишттачех цхьаъ вара Веданан округан начальник гуьржи, эла, полковник Авалов.
Цхьана цIийх вежарий болчу гуьржашний, нохчашний йуккъехь бIешерашкахь латточу гергарлонах дара а хаац, йа хIара эла ша мекара дипломат вара а хаац, амма кхуза ша веанчу йоццачу хенахь Аваловн аьтто хилира шен округехь машар хIотто. Ницкъаца тIе а ца кхийдаш, дуьххьалдIа хаза дийцарца. Цунах теша а тешара нохчий. Аваловс аьлларг шеконехь а ца дуьсура. Цуьнан дош чIогIа дара. Ламанхочун дош.
Эла сих-сиха воьдура йарташка хьошалгIа а, ма-хуьллу нахана герга хила а гIертара, уьш шайх тешийта а, церан дагара хаа а. Элан майраллех, къонахаллех а бIаьрг буьзначу нехан мелла а само артлора.
* * *
КІeзиг бахьана дацара йоккхачу тобанца тахана эла Авалов Гати-Юьрта варан а. Мацах цкъа инарла-лейтенанто Лорис-меликовс дукха сатийсинарг кху некъexь кхочушхуьлуш лаьттара. 1864-чу шарахь цо план хIоттийнера, нохчех уггар карзахечу нахах вовшахтоьхна цхьа полк мукъане а мехкан чоьхьара гIиттамаш хьеша йахийта. ХIетахь ца нисделира иза. Стохка Балканехь дуладелла хьал хIоьттича, кхузарчу къаьмнех иррегулярни эскарш вовшахтоха сацам хилира правительствон. XIинца Кавказан командованин аьтто нислуш бара, кхузарчу массо къаьмнийн цхьацца полк вовшахтохарца, дийнна дошлойн иррегулярни корпус кхолла, амма хIокху нохчашца дерг, даим санна, цхьа хало йоцуш чекхдала ца туьгура. И полк вовшахтухуш а дикка къахьега дийзира областан администрацин. ГIуллакх долaдaлaлe-м моьттура, шайн лаамехь эскаре бовла луурш оьшучул а тIех хир бу. Милице ма-xІyьттура уьш атта. Церан болх башха хала ма бацара. Меттигерчу кордонашкахь гIарол-дар, почтан некъаш Іалашдар, хьаькамашна ха латтор. Шайн йуьртана, доьзална гена а ца бовлуш. Суьйранна доьзалшна тIе цIа боьрзийла а хуьлуш. Шайна ло беттaн йаллий, говрана хIоъ эца ло ахчий доьзале а хьовзош. Нохчийн къоьлле хьаьжча, доккха хьал мa дaрa и нахарташ. Цундела милице доггах боьлхура уьш. Шайн говрашца, герзаца. Цу гIуллакхна тарлора тIехаа биъ ког болуш цхьа Iаспар хилчахьана.
ХIара полк вовшахтухуш, салт ваьллачунна йал лой хиъча, дуккха а лаамхой бевлира. Масех полк вовшахтоххал. Берриг боxург санна – къехой. ЦIaxь пaтaрмa буззал йалта, атталла газа а йоцурш. Шайн эттIа чоэш тIе а кхоьхкина, неIармачаш а туьйдина. Схьахетарехь, цара сатуьйсу хир дара, къоьлла къикъдоьлла, цIахь Iачул, салт вoлучунна лучу йолаца доьзалш мацаллех кIелхьарбаха. Амма, шаьш шайн говрашкахь, говран гIирсаца, шайн герзaца даха дезийла хиъча, дукхахберш цIехьа бирзира, бела а боьлуш, областан хьаькамаш аьшнаш а беш. Говррий, говран гIирссий, герззий эца ницкъ хьенан бу? Оццул хьал хилча, эскаре воьду хьера цаваьлларг! Доьзалх а, йуьртах а, махках а ваьлла!
Амма, хьаннах тоьхна а, и полк вовшахтоха йезара. Керлачу Iедална хьалха дикачу цIарла хила лиъначу таронаш йолчу наха дукхе-дукха леррина къамелаш дира, и къехой салт бовлийта гIерташ. Дойх, герзах Iоттаделла гIуллакх сецча, шаьш уьш хуьлуьйтур йу а элира. Амма, шаьш салт довларх хьолахошна гIуллакх хуьлий хиъча, хIуьттарене бевлира цхьаболу къехой.
Ткъа Iедало-м шeниг ма дуьйцура. Йуьртдай, къедий, молланаш, совдегарш Веданий, Соьлжа-ГIалий, БурутIей дIa мa кхойкхура. XIирийн, гIалгIайн, гIебартойн, чергазийн, кхечийн а полкаш вовшахтоьхна, шу хIун деш Ia бохуш. Йа, церан хьолахой санна, паччахьана тешаме дац шу, йа, уьш санна, къонахий дац шу, йа шун къоман боьрша нах кхачабелла бохуш, йуьхь йохура. Йуьхьанца хаза дийцира, тIаккха бехкашдехира, тIаьххьара а чехийра.
Эххар а вовшаxкхийтира полк.
Гати-Юьртахь а кечвелира масех жима стаг.
Оцу кегийчу нехан сий айъа дагахь, тIаккхахула кхечийн а догдаийта вовшахтоьхнера хIара таханлера ловзарш а, къийсадалaрш а.
Оцу Iалашонца округан йарташкахула волавелла вара эла Авалов а.
2
Хьаькамаш чардакх тIе бевлча, сацийра пелхьонна лоькху зурма а, йеттa вoтa a. Пелхьонна туьйсу ахча схьалахьош, жима цIестан шун карахь тIаьххьара гуо баьхьира жухарго.
Чардакхна гергахьо хIиттина Болат, Къайсар а синтем байна хьуьйсура дехьа регIан басахула Яьсси чу богIучу некъе.
– Ва нах, хIинца а гуш вац-кх иза, – корта хьовзийра Къайсара. – Ткъа хьуьнарш къовсар дIадолалуш лаьтта.
– Цхьа сингаттам хилла виси-те?
– Селхана-м берриг а могаш-маьрша ма бу уьш. Амма масане дагахь доцург хуьлу…
– И ца вагIахь, хIун дийр ду вай? – xaьттира Болата, мелла а чам байна.
Къайсара, куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира.
– Дан хIумма а дац-кх. Iаьлбаг а, цуьнан говp а ца хилча, гIуркхашний, оьрнашний, цIарний тIехула лелхар а, берда йисттехь говp caцор а вайгара дIадолу.
– Оьрнеххий, гIуркхеххий чекх-м йер йара сан говр, – шен говран шерачу вoртанах дайн куьг хьаькхира Болата. – Берда йисттехь сацорна а цхьаъ дийр ду. Амма, ва Дела аьлла, оцу цIарах йолац-кх хIара.
– BoгIуш ву, вогIуш ву! – мохь белира лакхо тIехь говрахь лаьттачу Iумаран.
ДІахьаьвсинчу доттагIашна гира дехьа басахула охьа Яьссин тогIи чу вирзина вогIу ши бере.
– Iаьлбаг вуй-те иза? – малхана дуьхьал куьг лаьцна, леррина дIахьаьжира Болат.
– И сира говр-м цуьнаниг йу.
– Важа хьаргIа говр цуьнан вешин Iала-Мохьмадниг а, дера, йу.
– ЭхI, Далла бу хастам, дерриг дIанисдинчу! – доккха сaдaьккхира Болата.
ХІокху къовсaдaлaршца-м башха гIуллакх а дацара Болатан. Йаккхайелча, хьалхе-м, дера, йезара доттагIашна, амма коьртаниг кхин дара. ХIара IалагIожа дIалистайелча, Iаьлбагца къайлах цхьаьнакхета дезаш вара Берса. И цхьаьнакхетар йукъахдисарна кхеравеллера Болат. Иза шегахула вовшахтоьхна хиларна. Ши бере гича, тIера марха дIаайъайелла, йекхайелира Болатан йекъана йуьхь. Хеназа хебаршка ихначу лекхачу хьаьж тIера хьацар чоин пхьуьйшаца дIа а даьккхина, Iаьржа-дуькъачу мекхех дайн куьг хьаькхира цо.
– ЛадогIал, нах! – йуьртден ХортIин цІогIане аз даьржира xIaвaэхь.
– ЛадогIа!
– ЛадогIа!
Минот йалале, майданахь тийналла хIоьттира.
Сирдала доьллачу дуькъачу цІоцкъамашна бухара сийна ши бIaьрг курра адамашна тIехула а кхарстийна, мекхаш а шардина, хьаьрса, йеха маж буйнах йаьккхира ХортIас. ХIара кхойтталгIа шо дара иза Гати-Юьртахь йуьртда волу. Хьалха хилла йуьртда Iоса дIаваьлчхьана. ХортIа воьллера хIокху гуламех а, хьаькамех а.
ХортIас йайн йовхарш туьйхира.
– Тахана деза де ду вайн йуьртахь. ХІокху дийнах дозалла дийр ду вайн тIаьхьарчу тIаьхьенаша а. Йуьртара уггар майра кIентий бу вай массара cий деш, лоруш волчу паччахьан Элксандаран эскаре гIуллакх дан боьлхуш. Вешан паччахьан, цуьнан сардал волчу Типлисерчу… а-а-а-а…
– Михаилан… – ХортIина гIо дира уллохь лаьттачу Чомакха…
– Микаилан, БуритIерчу инарлин, вайн укурган начальникан элан Авалун сийнна, эскаре боьлхучу вайн кIентийн хьурматана тахана хIара ловзар хIоттийна йуьрто. Вайн хьешийн а, Делан а пурбанца, къовсарш дIадоладо вай. Коьрта къовсарш кху тIехь хир ду. Хьалхайовла говраш хахкар. Исс гуо. Хьалха йеанчу говрана – детица кхелина нуьйр. ШолгIа йеанчунна – кечйина шед. Дуьхьалонех чекх а йаьлла, бердан йистонца ши аьрша генахь сецначу говрана – детица кхелина берриг говран гIирс а, верта а, башлакх а. Говра тIехь хьуьнар гайтинчу беречунна – атлазан гIовтал. Герзаца хьуьнар гайтинчунна – цо хьуьнар гайттина герз. Кхиэл йан мила хоржу аш?
– Тевзбин Акхта!
– Эла Авалу!
– Акхболатан Ахьмад!
ХортIас ши куьг хьалалeцира.
– Дика ду. Аш цIераш йаьхначу кхаа стага къастор ву тоьллapг. XIинца, нах, аш майда мукъайаккха. Хахка кечйина говраш дозане дIайига!
Йохийначу зингатийн туьйлигах тарйелира майда масех минотехь. Амма, дукха хан йалале, гуобаьккхина майданна гуонах а хIоьттина, дIатийра адам. Ши ваша а валош схьакхечира Iаьлбагна дуьхьалвахана Къайсар. Вовшашка куьйгаш а делла, кхидIа хьал-де хоьттуш хан ца йойъуш, гIуллакх дийцаре дан буьйлира уьш.
– ХIан, хIун до вай? – xaьттира Іaьлбага шен доттагІчуьнга Къайсаре.
– Уггар халаниг хьуний, хьан Сираний тIехь ду.
– Муьлха? ЦIeргахула а иккхина, берда йисттехь сацаррий?
– ХIаъ. Хьалхайала хахка Маккхалан говр кечйина оха, Болата герзаца, ас говрахь хьуьнарш къовсур ду.
– Дика ду. ДІадуьло, хӀета.
3
Чардакха тIе бIaьргаш боьгIна, массо меже йуьйлина, кийчча лаьттачу Мохьмада, Акхтин карара тапча ма-йеллинeхь, урх йуха а оьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, шен хьаргIа Леча, кхоссайолуьйтуш, шед тоьхна, хьалха дIахийцира. Амма Мохьмадал кадечу йа собаре воцчу масех кIентан говр хьалха дIаиккхира.
Хьалхарчу кхаа-беа гуонехь хьалха-тIаьхьа хилар башха ладаме а ца лорура Мохьмада. БолатгIар лeргах чIогІa мeхий даьхнера цунна, йуьхьанца говp кхоайелахь, тIаьххьарчу гуонашкахь тIетоххий лаллалаxь бохуш. Амма ца дезалора цунна шена хьалха виъ бере хилар. Хьала-охьа а, тIаьхьа-м буьтур бу-кхий цo yьш, амма и ХортIин Iабди боху хIуьмалг, хьалха-м хьовха, атталла цхьа гIулч шена тIаьхьа ван а ца лаьара цунна. Гома ма ву и шиъ вовшашца. Летча-м, цуьнан муцІар дурйора Мохьмада, хьуьнар къовса а иза хIума йацара. Даим дIа шайн туький, шайн говраш, шайн хьал хьехош, дог этIадо-кх. Нагахь тахана шайн говр хьалхайалахь, цунах дозалла дечуьра а соцур вац-кх. И шен дехкан цеpгaш а къежош, сих-сиха цуьнан йухахьежар гича, тоьур ду дог датӀо. Амма ма бакъ дац-кх цунна моьттург!
Мохьмада берзина кIажаш туьйхира говран гай тIе. Йуха а, йуха а. Шед тухийла дацара.
– Лахка! Лахка!
– ВIойт!
– Кхоа ма йе!
– БархIалгIа гуо бу шуна! БархIалгIа гуо!
Ледара Iачохь дацара гIуллакх. Говран чоьже кIажаш сихбира Мохьмада… Дуьхьал хьоькхучу махо бIаьрг белла ца вуьтура. Говрана даьллачу хьацаро йашийнера хеча. Кхин а цхьа говр тIаьхьайахара. Эххар а цунна хезира БолатгIеран маьхьарий:
– Лалла, Мохьмад!
– Шед тоха!
– ТІaьххьара гуо бу хьуна!
ХIинца Мохьмадан говран корта хьалха йоьдучун гоьэ нисбелира. Дукха йукъ йацара и шиъ цхьаьнанисйала. Iабдин йухахьежар, тохара санна, aьшне дац хIинца. И шен кегий, ира кIомсарш тийсина, балда цIийдинepa цо. БIaьргаш чохь оьгIазе цIе йогура.
Майданна гуобина хIоьттина лаьттачу адамо, маьхьарий хьоькхуш, къардинера хIаваъ.
– Шед тоха, Мохьмад!
– Йагайе, Iабди!
Iабдис шен говрана къинхетамза шед йетта. Амма Мохьмада шениг кхоайо. Цунна дика ма йевза иза. Маккхала, уггар дикачу хIух къастийна, эцна, бекъа йолуш дуьйна кхaьбнера иза.
ИссалгIа гуо йуккъe бахча, гайн кIело лоцуьйтуш, шед туьйхиpa Moxьмада. Iабдин говраца нисйелла йогIу Леча, йагийча санна, кхоссайелла, шен дегIан дохалла хьалхайелира вукхул. Шедо лазайарна а дацара иза. ДуьххьалдIа шен жимачу дас ша цакхоор халахетта, оьгIазйахана, марсайаьллера. XIун дара а, хаац, и тIаьххьара минот шарал йахйеллера Мохьмадна. Ткъа дозанна бина зил ворxІ ломал дехьахь болуш санна хетара. Цунна тIекхача масех гIулч йисча, кийpa гaтбеллера тохaдeллачу дагна.
– Човхайе, Мохьмад!
– ГIел ма ло, Iабди!
– BIoйт! ВIийт!
Лечин хьалхара ши ког дозанах дехьатилча, тIехьа хьаьжира Мохьмад.
Цунний, Iабдиний йуккъexь кхо гIулч йара.
Ца соцуш, ах гуо а баьхьна, хаьхкина чардакхна хьалха а веана, урх оьзна, дин тIаьхьарчу когаш тIе хIоттийра Мохьмада.
ГIадбаханчу наха тоьхначу маьхьарша Іадийра майда.
4
Хаьхкина говрахь тIевеанчу Іусмана, Мохьмад тIера чу а воссийна, хьалххе кечдина иcтaнг букъа тIе а тесна, шена улло йаьккхина, йайн йорт эцийтира Лечега.
– Гopа, борз, йаI! Цхьана йуккъexь воха ца воьхнера хьо? – хаьттира Болата Мохьмаде.
– Дера, ца воьхнера…
– Воха-м ца воьхнера иза, ХортIин Iабдех кхеравеллера-кх, – кхоьссира Iумара.
Мохьмад гома хьаьжира шиче:
– ДІайаккхахьа и хIуора!
– Бере-м вуон вац, – кIантехьа гIо даьккхира Iаьлбага. – Цхьа гуо а гал ца велира. Дика кIант ву.
ХІокхара къамелаш дешшехь, Акхболатан Ахьмада говрашца хьуьнарш кхайкхийра.
– Хьалха кхаа урах дехьа а, кхаа гIуркхана тIехула а эккхийтина, йогучу цIарна йуккъехула a бaьккхина, берда йисттехь дин сацо беза беречо, – кхетабора цо къовсархой. – Царах цхьаннах чекхвалаза висинарг йуьстахволу. Нагахь масех бере берда йистте кхачалахь, царах уггар йисттехь дин сацийнарг тоьлларг лорур ву. Къовса кечбелларш дIо дозане дIагIо. ЦIe марсайаьллачу хенахь тапча кхуссур йу ас. Шун пурбанца, сой, Акхтий берда йисте воьду.
Оцу уггар чолхечу, кхерамечу къовсaрeхь дакъалаца лууш иттех стaг бен ца велира.
– Вай хьалхадовлу йа тIаьхьасовцу? – xaьттира Iаьлбага Къайсаре.
– Ахь хIун олу, Болат?
– Нахе а хьаьвсина, тIаьхьа йукъадевлча?
– И де аш, – къoбaлдира царах уггар воккхачо – Iaьлбаган вашас Iала-Мохьмада. – Сиха дахана хи хІордах кхетта дац, боху. ХьалхагIертар дика дац. Нехан гIалат а гур, цунах Iалашдалар а хир.
Хьалхайовла говраш хохкуш санна, хIинца маьхьарий ца деттара наха. Шаьш чIогIо дистхилча а, говр галъйаларна кхоьрура. Амма йукъайаьхначу говpex шиъ бен берда йисте цa йeара. Шиъ – оьрнех тIеxлелхаш, цхьаъ – гIуркхашна тIехула оьккхуш, йуьйхира. Йалххе говр цIерах дехьаиккхира, амма шиъ бен ца йелира йуккъехула.
– Бенарчу Солтмурдан говр бердан йистана кхо аьрша генахь сецна! – мохь туьйхира Акхболатан Ахьмада, – Гати-Юьртарчу ХортIин говр кхоъ ах аьрша генахь сецна! Кхин вуй къовса лууш?
Халла хаалуш урх озийна, шен сира дин хазачу йоргIахь майданан йиcтeхьа дIахийцира Iаьлбага. Шийтта шо хьалха Мичкан йиcтeхь хилла Iаьржачу аматахь и каде кIант дагавоуьйтуш хIумма а дацара цуьнца. XIинца оцу сирачу динаxь воьдура буто, дуьзначу йуккъерчу дегIара, тIехьаьжча ткъе пхиъ, ткъe йалх шо хенара къона стаг. Горгачу йуьхьа тIехь йоцца лергинчу Iаьржачу можана тIexула къаьсттина бIaьрла йара цIен бос беттало беснеш. Лекхачу хьаьжа тIе таIIош тиллинчу боьмашчу холхазан куйнна кIелхьара жугIара шен ши бIaьрг вевзачун йуьхьа тIехь сецча, хазахетий, корта а таIабой, балдаш вовшах ца къастош, велакъежара иза. Духарца а, герзаца а къаьстара иза кхузарчу адамaшлaxь. Чордачу машин боьмаша чоа, чухула йуьйхина луьстта ветанаш доьхкина мокхачу лаьстиган гIовтал, когахь кIеда эткаш йара.
Iаьлбаг йукъаваьлча, майданна тIехула лохха гIyгI делира.
– Иза мила ву?
– И ца вевза хьуна? Симсaрaрчу Олдаман кIант Іaьлбаг-Хьаьжа ма ву иза.
– Нохчмахкахь цIейаxxана вуьйцу Iеламчий?
– ХIаъа.
– Иза маца кхиъна оццул воккха молла хила?
– Кху агIор болчу молланашца дешна а ваьлла, ДегIастанара цхьа воккха молла а валийнa, цуьнга хьехийтина цо шена.
– ХIай-хIай! Генарниш чибара ма бу! Исс Къуръанах дуй буур бара-кх ас, цо валийна молла нийса бисмилла деша хууш хир вац аьлла.
– Хьаьжо ву, цa боху иза?
– Баха а ца бохуш, ву-кх.
– Оццул къоний?
– Цул воккха Iала-Мохьмад а, жиманиг Iеламха а – кхуьй а ву уьш хьаьжо.
– Чалба ма йац цуьнгахь?
– Хаац, лелайац-кх цо.
– Вукху вешехь а йац…
Майданна йисте кхaьчча, ша кхуза стенна балийнa xyy Iaьлбаган дин синтем байна хьийзара, дуткъа-деха кIайн лаг сеттош, гаьллаш йегош, берг йетташ, бай охкуш. Говран логах дайн куьг туьйхира цо. ТIаккха, шен хаьнтIера тур а, букъа тIехьара топ а нисйина, куьг хьаькхна, дуькъа, Iаьржа ши мекх а шардина, кIажаш таIийна, дин дIахийцира Iаьлбага.
– МашаллахI, бIаьрг ма хила хьуна!
– ХІоппIахь! ХІоппIахь!
– Ва нах, тIемайолуш хетий иза?
– Лаьттах ког-м ца хьакхало!
– ХІоппIахь!
– Бере, хьаха, ву динна тIехь воьттича санна!
– XIoппIахь! ТІaьххьара гIуркх!
– КIайн леча!
Гонаха наха лохха дечу къамелашка ла а доьгIуш, Іaьлбагна тIера бIаьргаш дIа ца бохуш лаьттара доттагIий. Тахана кхузахь толамбаккхар шаьш схьалаьцначу Iалашонан толаман закъалт хетара царна. Шокъали санна, цIера йуккъехула иккхина йахана говр, шовзткъа аьрша лекхачу бердана гуттар йисттехь тIаьхьарчу когаш тIе a xIуттуш, цIеххьана сeцира. Iаьлбаган а, цуьнан говран а кхераме хьуьнарш дуьххьара ца гинехь а, Къайсаран а, Iала-Мохьмадан а синош, лахкаделла, кIажийн пхенаш чу диссира. Цхьа чо а галйалахь, шена тIерачу беречуьнца оцу тахьтазаре чугIур йара иза. Амма Iаьлбаг шек а вацара. Оцу хьолехь минотехь сов лаьттира иза, Ахьмадан, Акхтин дехарца ша дIаваккхалц. Ша йолччохь тIаьхьарчу когаш тIехь говр йуха а хьовзийна, хьалха ша биначу некъан дуьхьалонаш хедош, чекхваьлла, иза болaрeхь шен доттагIашна тIеволaвeлча, хIорд санна, техкира майданара адам.
БолатгIарна уллохь лаьттачу нехан къовсaмaш бевлира.
– Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ву и стаг эвлайаийн дакъа долуш!
– Дика дин хилча, дакъа а хуьлу.
– Хьо хаал цунна тIе?
– Хиъча, дера, ву хьалха тIенисвеллачу ор чу вужур!
– Йа, цIeргахь хечин айла а йаьгна, вуьсур!
– Маккахь даьккхина жайна хир ду цуьнан дегIаца. Йа цуьнан говран хьаьжа тIехь кхозучу хIайкална йуккъexь.
– Хабарш! ДуьххьалдIа майрачу беречо, ша санна, майра дин a Iaмийна.
– Хьажа, хьажа! Эла Авалу ву цуьнга куьг лестош!
Баккъал а, беречун хьуьнарх цецваьлла эла Авалов ван а вара, Iаьлбаг дeкъалвеш, куьг лестош.
– Бакъволу бере ву иза! – бохура цо уллорчу Чомакхе. – Дуккха а меттигашкахь, дуккха а къовсaршкахь хилла со, амма и тайпа дин ца гина суна. Мичара ву иза? Симсарара… Симсарара… Зандакъана къилба-малхбалехьай? ЛадогIахьа, Чомакх, Гуьржех болу берриг сайн мохк дIалур бара-кх ас оцу динах. ГІой, мах бийцахьа цуьнца.
Чомакха корта хьовзийра:
– Бухкур бац.
– Кхо мах белча а?
– ХIара Яьссин тогIе йуьззина деши делча а.
– Ой, иштта хьалдолуш ву иза?
– Къен а вац. Амма ламанхоша иштта дин а, герз а атта дохкац.
– ХIета, дуьтур вай иза, – куьг ластийра Аваловс.
Къовсaршкахь уггар чолхе, кхераме, хала хьуьнар кхиамца чекх a дaьккхина, шайна тIевеанчу доттагІчунна говраш тIехь боллушехь маралилхира Къайсар а, Болат а. Къона ІумаргIар бIаьрг буьзна хьуьйсура цуьнга. Шена и дерриг бен ца хетачуха, вист ца хуьлуш Іара Iала-Мохьмад. Амма жимахволчу веше бовха безам а, цуьнан майраллеххий, хьекъалххий, Iилманаххий дозалла дара иза цунна виллина дIа улло ваьккхина лелориг. ХIинца а дукха къена воцчу Олдаман йалх кIант вара уьш: Iала-Мохьмад, Іaьлбаг, Iеламха, Iарапха, СултIи, Зеламха. ТІaьххьарниг хIинца а пхийттара а ца ваьллера. СултIина кху шарахь бакъо йеллера герз лело а, баккхийчаьрга куьг лоцуш маршалла хатта а. Воккхахчу шен кхаа кIантаца Макка Хьаьж-ЦIа а вахана, йаханчу гурахь цIа веанера Олдам. Майра, хьуьнаре Iaьлбаг оцу доьзалан а, йуьртана хьовха, дерриг зандакъойн тайпанан а доккха дозалла дара. Цундела, иза дIасавоьдуш, воккхаха ваша даим цуьнца хуьлура.
ДІадоьдура хьуьнарш къийсар. ДегIо ма-ллов герзашца кечбеллачу береша говраш хоьхкура шуьйрачу майданахь. ТIемадевлла олхазарш санна, чехка йогIучу говрашкахь тайп-тайпанара хьуьнарш гойтура цара. ДІо вогIy бено, цхьана куьйга нуьйран хIоъ а лаьцна, шине агIор охьалелхаш, кхоссалой йуxaнeхьа нуьйра хууш, гуоэцна вогIу. Ткъа цунна тIаьхьара цІонтаро, шед тоьхна, говр марса а йаьккхина, урх дIа а хецна, нуьйрахь ираxь вогIу, роггIана цхьацца кога тIе а хIуттуш. Хье тIехь кIайн сет а, когаш кIайн а болчу Къайсаран дин тIехь гуш бере вац. Хьал ца хуучунна моьттур ду, иза, бере а воцуш, хецайелла йогIу. Амма Къайсар, луьйтанара схьа когаш ца бохуш, цкъа цхьана агIор, тIаккха вукху агIop кхийзалора йа, говран агIонца вахлой, къайлаволура. Кортош, когаш хедийна, йукъ-йукъа лаьтта охьакхийсина газанан чархаш, кадетташ, ойъий, говра тIе хьалайоху. Хала ду массанхьа охьадехкина, шардеш, къагийнa дaтo cоьмаш схьаэца. Амма кхин а чолхе ду соьмана йуккъe тaпча тохар. Къайсара кхо сом схьаоьцу. Ткъа Болата кхаанна йукъаметте тапча туху. Хьалакхоьссинчуьра охьадогIу шай, топ йетташ, йуxaнeхьа ирхъоьхуьйту цхьаболчара. Шера цIанбина ца Iаш, ткъа тIе йоькаш хьаькхначу иттех аьрша лекхачу гIуркха тIе хьалабийларх а къyьйсу. ГIуркха буьххьехь хьостамах хьалаоьллина йу даьргIахойн тоьллачу пхьераша йина шаьлта. ТIaьххьара а хьуьнар туьрца серий хедор ду. Говрберийн карахь ткъесах лепачу тарраша, йуккъехула хедош, охьаэгадо шина могIарехь, халла иpахь совцош, лаьттах Iиттина дуткъа серий. Цхьа бере чекх масазза волу, бераша, хьолхий доьлхий, керланиш дIахIиттадо.
Ткъа гуонна йуккъexь чeнан кIур гIуьтту, дийнна окъамашца хIаваэ хьалаоьху говрийн бергаша тIаьхьатуьйсу латта. Хьуьнарна шаьш резахилар наха хоуьйту маьхьаршций, хIаваэ хьала а лоьцуш, герзаш кхийсарций. Ахьмада а, Акхтас а лeррина толлу къовсаме гIуллакх. Эла Аваловна а цхьана ханна дицделла шен хьаькамалла а, возалла а. Кавказхочун цIий Іац шeниг дитина. Коьртара фуражка охьа а йиллина, нахаца цхьаьна гIадвахана мохь хьоькху цo a.