КIантана Мохьмадна – бовхачу безамца, йоккхачу дегайовхонца.
Автор
Шен даймахке болу безам адамалле безамца цхьаьна хила беза.
В. Г. Белинский
Кавказехь вайн урхалла данне а цхьаьна дагIацара меттигерчу хьашташций, йукъаметтигашций… Шемалал тIаьхьа и санна деятель кхин ца гIаттийта йа, гIеттича, цуьнан кхиам ца хилийта, цхьаъ оьшу: оцу ламанан къаьмнашна и тайпа деятельш хьашт ца хилийта, адамаллин, нийсонан урхалла хIоттор.
Н. А. Добролюбов
Тахана Iуьйранна дуьйна къаьсттина синтем байна хьийзара инарла-лейтенант Лорис-Меликов. Хаза Iаьржа мекхаш долу цуьнан болатан басахь йуьхь хаддаза кхоьлина йара. Цкъа, воьдий, йоккхачу стоьла улле а хуий, цIена кехат хьалха а узий, сихачу хотIаца цхьаъ йаздан волалора иза, тIаккха, гIоттий, диллинчу коре а воьдий, сийначу мархашла а хьаьрчина геннахь гучу дозадоцуш дехачу сирачу лаьмнийн баххьашна тIе а вогIалой, хIуттий лаьттара. Йуха, цIеххьана ойланех самаваьлча санна, цIенкъа баржийначу гIажарийн кIедачу куза тIехула, тата доцуш, цхьана эшшара гIулчаш йохуш, чухула дIасаволалора.
ХIокху «кавказски гIуллакхан» ойла алсам мел йо, коьртехь цхьа чолхе уьйриг хIуттура цуьнан. Дукхахчийн хабаре ладоьгIча, кхузара тIом чекхбаьлла, сагатдан а, ойла йан а бахьанаш дац олий, хетало. Амма кхузара хьал данне а тера дац генарчу Петербургера схьахьоьжучарна гуш долчух. Царна-м кхузахь машар а, тийналла а хила лаьара, амма иза а, важа а хила аьттехьа а дац. Кхузара хьал шен бIаьргашна гуш волчу Лорис-Меликовна дика ма хаьа и дерриг а. Пачхьалкхана коьртехь болчу оцу вельможашна ца лаьара кху махкахь хIиттина чолхе, кхераме хьелаш ган, уьш, нисдина, цхьана aгIop даха. Оцу нехан аьртачу хьекъало, бIаьрзалло, мехкан йистошка уьш биэндоцуш хьийсаро тIеттIа карзахвохура инарла.
– Сонта кортош! – цергашна йуккъехь Iовдуш, ши дош кхоьссира цо.
Хала дара, иза хьанна оьгIазъоьху хаа: йа кхузахь машар хила ца буьтучу къармазечу ламанхошна, йа шен коча xIapa бала уллучу лакхарчарна. Схьахетарехь, гIорасиз висинчу ша-шена барт беттара цо. ХIара тIегIерта буьрса кхерам, иза сацо боцу ницкъ. Цуьнан кхерар бух боцуш ма дац. Кхузахь цIеххьана хIоьттинчу тийналлех вогу иза…
Шо а ца кхаьчна иза Теркан областан коьрте хIоттийчхьана. ХIара Нохчийчоь къарйина сацийначул тIаьхьа дIадаьллачу деа шарахь хIара кхозлагIа хьаькам ву областан. ХIун дина цул хьалха кхузахь хиллачара? ХIумма а. Йа ницкъ а бацара хIумма а дан. ХIинца йерриг дегайовхо цунна, Лорис-Меликовна, тIейиллина. Цуьнан хьекъалх, зиэделлачух тешна, ваийтина иза государа кхуза. Нохчийчохь машар, низам хIотто. Шо кхочуш доллу цо оцу гIуллакх тIехь корта охку, амма новкъадаьлла хIумма а дац. Цул хьалха хиллачу графан Евдокимовн а, эла Святополк-Мирскийн а санна, динарг хIумма а доцуш, кхузара дIаваха дезахь?
Цхьанаэшшара гIулчаш йохуш, кабинет чухула волавелла лела Михаил Тариэлович. БархI гIулч дIай, йухий. Букъа тIехьа диллинчу шина куьйго чIогIа пIелгаш Iуьйду вовшийн. Ша кхуза схьахьажош тIаьххьара а хиллачу цхьаьнакхетарехь императоран вашас, воккхачу эло, дина тIедахкарш, косташ хIинца а лерехь дека.
– Оха жоьжахатин цIерга вохуьйту хьо, Михаил Тариэлович, – бохура Михаил Николаевича шалхо йоцуш, даггара. Амма оцу кIедачу озаца хIокхунна хезара цуьнан императоран сийлаллин болатан амал. – ХIаъа ткъа, жоьжахати. Кхин цIе йац Нохчийчоьнан. Цигарчу къомо кхечарел йеха а, буьрса а дуьхьало йина вайна. Кхин а йеххачу хенахь вайн догъэтIо ницкъ а ларбелла цунна. И къам къардан гIерташ, вай маситта шарахь цига йинчу экспедицеша, харжаша, хIаллакбинчу салташа а, баккъал аьлча, кIезиг Iаткъам бина иза вайн Iедална кIел сацорна. Вай цига, уггар говза, майра полководцаш коьрте а хIиттабой, эскарш дохуьйтура, ткъа нохчаша, Соьлжан тогIерчуй, ломан когашкарчуй йуькъачу хьаннашка, чIажашка къайла а бовлий, йуханехьа тIелеташ, кIуркIамане хьийзадора. Цундела кхин тактика а, стратеги а хаьржира вай. Вешан оьрсийн исторически система – церан махка тIе гIалгIазкхий ховшор.
– Хьан локхаллин пурбанца тIетуху ас, – гIиллакхе иза йукъахваьккхира Коьртачу штабан начальника Карцовс. – Маситта шарахь тIом беш, цаьргара схьабаьккхина мохк йа тIеман, йа политически Iалашонашна цхьана а маьIне бац. ХIинцалерчу хьелашкахь уьш битахь, кестта боьрзур бац вайн Iедална кIел.
– Бакълоь хьо, Александр Петрович. Диъ шо хьалха кхайкхийна вай, xIapa край, къарйелла, сецна аьлла. Ваьш Iехаделла хиларна къера хила лаац вайна хIинца а. ХIетахь дуьйна шозза гIевттина нохчий. Амма ломахь хилла тIаьххьара гIаттам аренга ца болуш бисира, Теркан областехь лаьтташ шовзткъе йалх батальон гIашлой, кхоъ Донан, цхьаъ драгунийн полкаш хиларна. Биллина дIа Нохчийчоьнера кхерам латтарна, цигарчу эскарех кхоалгIа дакъа а дIадаккха ца даьхьа вай. Доцца аьлча, вай тоьлла а, нохчий иэшна а ца сецна гIуллакх. Шайгахь герз а, стратегина аьтто болу мохк а ларбелла нохчий керлачу гIаттамна аьтто болу сахьт тIекхачаре ладоьгIуш Iа. Йуха а боху ас хьоьга, хьомсара Михаил Тариэлович, цуьнан воккхалло уггар хала а, жоьпаллин а декхар тIедуьллу хьуна. Хьан хьекъалх, доьналлех дозуш хир ду Кавказехь синтеман гIуллакх. ХIинца цкъа малхбузен пачхьалкхашца машар бу вайн. Амма цхьана Далла хаьа иза маццалц хир. Нагахь арахьа вайн тIом болалахь, Нохчийчуьра тIеман ах ницкъ дIабига дезар ду, тIаккха нохчий гIовттург хиларан шеко йац. Дукха хан йу оцу сохьте цара ладоьгIу. Цундела, Михаил Тариэлович, йоццачу хенахь цигахь низам хIоттор доьху хьоьга. Цигахь вай дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь инструкцеш лур йу хьоьга Александр Петровича. Дукха хан йоццуш цуьнан воккхалло чIагIйина уьш. Хьо областе дIакхаьчча, инструкцеш дагахь Iамайе, амма цигарчу хьелашка хьаьжжина хийцамаш бан бакъо а ло хьуна. Дала аьтто болда хьан!
«Дала аьтто бен меттиг йац xIapa, – ойла йо Михаил Тариэловича. – Олуш ма-хиллара, болх Далла тIе билла, амма цунах теший а ма Iе. Кхузахь ницкъ а, хIилла а оьшу. Шед а, пряник а…»
ХIаъа, паччахьан правительство толамхо хилла дIа ца хIоттайелла Нохчийчохь. Иза массарначул а тIехдика хаьара Михаил Тариэловична. Нохчаша тIом сацийра, амма къарбелла ца севццера. ХIетахь Кавказан сардал хиллачу фельдмаршало эло Барятинскийс правительствон цIарах нохчашна хьалха тIелацамаш бира цаьргахь герз дита а, уьш салт ца баха а, цаьргара дIабаьккхина мохк йухаберзо а, церан гIиллакхаш, дин а лардан а, иштта дIа кхин а. Ткъа нохчаша тIелецира Iедална дуьхьало ца йан.
Шемал йийсаре лаьцча, Кавказ къарйар чекхдаьлларг леринчу правительствос Нохчийчохь тIеман-колониале режим хIотто йолийра. Сихха бицбира эло Барятинскийс оцу къомана хьалха бина машаран тIелацамаш а. ТIеман хенахь нохчашкара дIабаьккхина мохк йуха-м муххале а ца берзийра, мелхо а, церан долахь дисина латтанаш дIа а дохуш, уьш таIIийна дерзинчу лаьмнашка, уьшалечу хьаннашка боьхкира. Цаьргара дIадаьхна керла латтанаш совгIатана дийкъира xIapa мохк къарбеш правительствона гIо динчу гондIарчу элашний, нохчийн эпсаршний, динадайшний, совдегаршний. Маситта шарахь лаьттинчу тIамо чIанадаьккхина, ткъа хIинца латта доцуш дисина халкъ сагIадоьхурган хьоле дуьйжира. Цуьнан ницкъ бацара йа дезткъа шо хьалха хиллачу бахамаллин, йукъараллин а кепашна тIе йухадерза а, йа и шен дахар хIокху керлачу хьелашца нисдан а. ТIеман оцу буьрсачу дезткъа шаро аьттера къоман кхетамций, кхиарций йогIу бахамаллин, йукъараллин а кепаш, ткъа массо aгIop а кхиъначу Россина тIаьхьадисна а дара иза.
Цул сов, правительствона дага а ца догIура хIокху халкъан кхолламан ойла йан. Шен оьрсийн халкъ къизачу Iазапехь латточу цо хIун диканиг дохьур дара хIокхунна? Латта дIадаьккхина ца Iаш, шен коча тIеман-колониале уггар къиза кепаш Iитта йолийча, собар кхачийна халкъ, тIаьххьара ницкъаш тIе а гулбина, гIеттира. 1860-чу шеран май баттахь Нохчмахкахь болабелла гIаттам сихха массанхьа а нохчийн лаьмнашка баьржира. ГIаттаман коьртехь бара Шемалан наибаш хилла БойсагIар, Атаби, Iумма а. Ткъайасна баттахь дукхе-дукха дера дуьхьало йира гIаттамхоша паччахьан таIзарийн эскаршна. Царна тIехь масех толам а баьккхира. Амма, Нохчийчу керла-керла эскарш далош, и гIаттам хьаьшира йуьйцу ца хезначу къизаллица. 1861-чу шеран февралехь Бена уллохь, ламанан хьехахь, схьалецира, чов хилла, масех накъостаций, доьзалций къайлаваьлла БойсагIар. ГIаттам тIаьххьара а хьаьшна баьлча, шаьш бахьанехь адамашна таIзар ца дайта, шайн лаамехь инарла-адъютантна Святополк-Мирскийна тIевеара Атаби а, Iумма а. БойсагIар ирхъоьллира Хаси-Юьртахь, цуьнан доьзал а, герггара гIоьнчий а Сибрех бахийтира. ГIаттаман вукху шина куьйгалхочух мелла а къинхетам а бина, и шиъ ссылке вахийтира: Атаби – Псковн губернерчу Порхове, Iумма – Смоленске.
ЦхьакIеззиг ханна буьрса тийналла хIоьттира Нохчийчохь. Амма гена дIа ца йахара иза.
Имаматан тIаьххьарчу шерашкахь Шемала махкахваьккхинчу шайхо Кунта-Хьаьжас, имамат йоьжначул тIаьхьа Нохчийчу а вирзина, кхузахь динан керла вирд а кхоьллина, иза даржорехь а, чIагIдарехь а жигара болх болийра.
Сацам боцуш иттанаш шерашкахь бахбеллачу тIамо а, къизачу паччахьан инарлаша, адамаш дойъуш, йарташ йагош, талош, хIаллакьхуьлучу хьоле хIиттийнера ламанхой. Халкъ гIелделлера, кIадделлера. Цунна кIордийнера и чаккхе гуш йоцу тIом. Ткъа Шемала а, цуьнан имаматан лакхенаша а халкъ хаддаза гIазоте кхойкхура. ГIазотехь беллачарна йалсамани хир йу, бохура. Амма адамашна кху дуьненахь машар, маршо, синтем а оьшура.
Къинхетамечу Кунта-Хьаьжас адам машаре кхойкхура. Иза сацамболлуш дуьхьал вара муьлххачу а тIамна, муьлххачу а тайпана Iазапна, чIир йекхарна, доцца аьлча, адаман цIий Iанорна. Адамашка, шайн дегнаш цIанде, оьздангалла ларйе, гIиллакхе, къинхетаме хила, бохура цо. Вахош долчу маларша, томкано адамийн могашалла талхайо, адам оьздангаллех дохадо, уьш йукъара дIадахаре кхойкхура.
ТIамо, адамийн цIий Iеноро хIоттор бац лаьтта тIехь машар, адамашна йукъахь барт, нийсо а, дуьйцура цо нахе. Машар а, нийсо а, барт а Ша Дела цхьаъ воцчуьнга хIотталур йац дуьненахь, цундела, йерриг ойла Далла тIе а йерзайай, собаре хилла, паччахьна, цуьнан Iедална, хьаькамашна муьтIахь а хилла, совцаре кхойкхура иза.
– Халкъ тIаме кхойкхучу, шаьш имамаш, шайхаш бу бохучу нахе ла а доьгIуш, адамийн цIий ма Iенаделаш, – бохура Кунта-Хьаьжас. – Дерриг адамаш цхьана Дала кхоьллина, цхьа йиша-ваша ду. Оьрсийн паччахьна дуьхьал герз ма айъалаш, иза Делан лаамца лелаш ву шуна. Нагахь шайга жIар лелайе бахахь, дIалелайе. Эчиг ма ду иза. Килсе гIo олу-кх шуьга, дIачугIойша. ЦIа ма ду иза. Iедало шайга де боххург де, амма Дела даг чохь латтаве. Ша а, Шен пайхамар а аш даг чохь ларвичхьана, Цо и дерриг а гечдийр ду шуна. Нагахь керстанаш шайн зударий сийсазбан гIортахь, тIаккха айъа герз а, тIаккха Iанаде церан цIий а. ХIетталц садетта, собаре хила. ТIаккха Дела шуьгахьа хир ву, тIаккха Дала гечдийр ду аш Iанийна цIий.
Кунта-Хьаьжин хьехамаш буххенца дуьхьал бара Шемалан «гIазотан тIеман» идеологина. Шемалан зIенехь болчу динадайша кхечу динахь долчу адамашна дуьхьал тIаме кхойкхура, ткъа Кунта-Хьаьжас массо динехь, массо къомах долчу адамашна, хьолахошна, къехошна йукъахь машар, Iедална муьтIахьалла кхойкхура. Шемалан гуонехь болчу динадайша дуьне, хьал лоьхура, ткъа мискачу, къечу доьзалера схьаваьллачу Кунта-Хьаьжас дуьненан хьал-бахам ца лоьхура. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тIамо, талийна, чIанабаьхна, гIелбина, кIадбина, хIаллакьхуьлучу хьоле баьхна, хьалхалерчу йукъараллин дахаран кепашка йухаберзарх гуттаренна а догдиллина нах доггах тIаьхьахIуьттура оцу керлачу шайхана. Ткъа адамийн кхетамехь цо бечу кIорггерчу карчамо доккха тохар дора Шемалан идеологин бухна. Цундела Шемала йуьхьанца дуккха а хьийзийра Кунта-Хьаьжа, тIаккха, эххар а цо махках ваьккхина, иза 1859-чу шарахь Макка вахара.
Шемал йийсаре ваханчул тIаьхьа кхо шо даьлча, 1862-чу шарахь, даймахка йухавирзинчу Кунта-Хьаьжас лело гIуллакхаш шена ца гучуха, тергам боцуш Iийра областан администраци. Мелхо а, уьш къобалдора.
Нохчашка тIом ца баре, машаре, паччахьний, Iедалний муьтIахьалле кхойкхучу цо, шена лаахь а, ца лаахь а, оцу хьехамашца Iедална гIo дора. Цхьа-ши шо хьовзале, Кунта-Хьаьжин мурде цхьабарт болуш йоккха динан тоба кхоллайелира. Амма Кунта-Хьаьжин бартахойн хьежарш а дацара цхьаьнадогIуш. Масала, устазо холбатан гIийла дахар дIакхоьхьуш хиллехь, ткъа цуьнан герггарчу векалшний, гIоьнчашний иэшшане а ца оьшура гIийла, къен дахар. Кунта-Хьаьжин хьехамех пайда а оьцуш, цара цхьаболчара бацабора кхетамна тIаьхьабисина вирдан вежарий, Дала азаллехь йаздинчунна, кхолламна къера хилий, совца, бохучу хьехамашца боьй дIабоккхура маршонехьа къийсаман кхетам.
Амма Кунта-Хьаьжин вирдан берриг мурдаш бацара, шайн устазан хьехамех а тешна, къийсамах йухабевлла, кхолламна къера а хилла, Iазапна кIел совца лууш. Башха Далла гIуллакх дан хьаьгна а ца баханера уьш оцу вирда йукъа. Кунта-Хьаьжина тIаьхьа бара хьалха Шемалан заманахь гIарабевлла хилла майра а, говза а тIеман баьччанаш, магIара тIемалой, халкъан а, маршонан а гIуллакхна тешаме кIентий а. ДIадаханчу ткъех шарахь Шемалан деспотизмана а, паччахьан колониале акхачу политикина а дуьхьал къийсинчу цара, хIинца, шайн устазна а, цунна муьтIахьчу векалшна а ца хоуьйтуш, оцу вирдах цхьабарт болу тIеман организаци а кхоьллина, керлачу гIаттамна кечам бан болийра. ХIара Нохчийчоь бархI районе – виллаете – йекъна, царна а, йарташна а коьрте хьекъалей, майрий шайн бартахой хIиттийна, паччахьан Iедалца цхьаьна Нохчийчохь шайн Iедал а латтадора цара. Йарташкахь тIетаьIIина кечдеш герз а, молха а дара. Спортан ловзарш ду бохуш, тIеман гIуллакхна Iaмабора шийтта шарера хьала кхиазхой. И кечамаш гучубехира Iедална муьтIахьчу хьолахоша. Лорис-Меликовга Тифлисера схьа масазза хаийтинера, Кунта-Хьаьжа Кавказера дIаваьккхича шайна бакъахьа хетар. Амма Лорис-Меликов реза ца хуьлура. Цунна хетарехь, Кунта-Хьаьжа лацаро пайда бийр бац, амма зуламаллин тIаьхьенаш хир йу хьаштдолчул а тIех. Цкъа-делахь, Кунта-Хьаьжа а, цуьнан хьехамаш а, зуламе ца хиларал сов, Iедална пайдехьа бу; шолгIа-делахь, зуламе воцу и махках ваьккхича, цуьнан метта кхин, жигарниг, хIоттахь, иза Iедална кхераме а, зуламе а хир ву.
Лорис-Меликов ша а ца тешара хIокху тIаьххьарчу шарахь Нохчийчохь хIоьттинчу тийналлех. Айкхаша цунна тIекхачабора Iедал шекдолчу наха дIа мел боккху ког. Даймахка йухавогIуш Кунта-Хьаьжин Стамбулехь нохчийн, хIирийн, чергазойн эмигрантийн тхьамданашца цхьаьнакхетар а, вовшашца къайлаха барт а хилла бохуш а, хазийнера цунна. ТIаьхьа иза бале валахь, лакхахь шена диканиг эр доцийла хуучу Лорис-Меликовс лацийтира Кунта-Хьаьжа. ТIаккха карзахбевллачу цуьнан мурдаша, Шелан редуте а гулбелла, шайн устаз схьавийхира.
И машаре манифестаци гIаттаме йерзарна кхеравеллачу Лорис-Меликовс сихонца Шела хьажийра инарла-майор эла Туманов коьртехь йалх батальон гIашлой а, йиъ йоккха топ а, гIалгIазкхийн йиъ сотни а. Чаччамех йуьзна тIейиттинчу йаккхийчу тоьпаша тоба дIасайаьржийча, арен тIехь дисира цхьа бIе кхузткъе бархI стеган а, йалх зудчун а декъий.
Оцу тIехь чекх ца далийтира Лорис-Меликовс ша долийнарг. Цхьа кIира даьлча, 26-чу январехь, цо Грозне гулбира Нохчийчуьра берриг наибаш, Iеламчаш. Цхьа а тайпа хьийзораш ца йеш, царна хьалха ультиматум хIоттийра цо: Шелахь йинчу хьовр-зIовран коьрта бехкениш а, хьалха махкахбаха билгалбинарш а шега схьабалар. Кунта-Хьаьжин вирдан зуькар дихкира. Йуьртарчу цхьана стагах баьллачу бехкана йерриг а йуьрто жоп дала дезар хаийтира. И дерриг а кхочушдан цхьа кIира хан йелира. Шен ультиматум кхочуш ца йахь, йерриг а йарташ хIаллакйан кхерам а тесира. Цигара цIа бирзинчу наибийн а, динадайн а гIоьнца Кунта-Хьаьжин велийх вейтта, гергарчех пхийтта стаг а лецира. Йартех жоп дала дезачу тхьамданийн спискаш Лорис-Меликовна хьалха Iохкура. Ша дийцинарг эрна доцийла хоуьйтуш, областера эскаран дерриг дакъош тIеман низаме а далийра.
Лорис-Меликовн омрица, гIарабевллачу молланашкий, къеданашкий Iедална мегачу чулацамца массарна цхьатерра хьехамаш а йазбайтина, улло шатайпа приказаш а тийсина, уьш массо йарташкий, маьждагашкий дIасабахьийтира. Нагахь гIаттам иэккхахь а аьлла, Нохчийчохь болчу ницкъаш тIе Кубанера эскарийн керла дакъош далийра.
ЦIе лата кечйелла лаьттара Нохчийчоь. Нохчашна шера хаьара Россин арахьарчу пачхьалкхашца йукъаметтигаш а, полякийн гIуллакхаш а. Областехь гIуллакхдечу ссылке бахийтинчу полякашца цхьаьнакхетачу нохчийн эпсарший, талмажаший халкъа йукъа даржадора полякаша шайн къоман маршонехьа латточу къийсамах хабарш.
Масех бутт хьалха гуттар къармазечу нохчех вовшахтоьхна цхьа полк Польше йахийта дагадеара Лорис-Меликовна. Иза кхочушдаделча, ши пайда хуьлура: цкъа-делахь, уггар къармазе адамаш Нохчийчуьра дIадахарца, кечбечу гIаттаман корта боккхура цо; шолгIа-делахь, полякийн гIаттам хьаша и полк маьхза, ира герз дара. Тифлисехь къобалйира Михаил Тариэловичан идея. Амма иза дахарехь кхочуш ца хилира. Цхьанне а ца лиира, шениг санна, Iазапехь даллочу халкъо шен маршонехьа латто къийсам хьошуш, паччахьан чаьлтач хила…
– Дависа, уьш берриш Турце дIакхалхо! – сатийсам гIеттира Михаил Тариэловичан даг чохь. – Графан Евдокимовн хилла ирс а ца хили сан. ХIокху зIуганийн биэнара ведда, Кубанан областе ваха аьтто нисбели цуьнан. Цигара и абадзехаш, шапсугаш, бжедухаш, убыхаш, кхин, кхин а акхарой Турце а хьовсийна, шен кочара дIадехи. Дийцина хIун до цуьнан, мекара цхьогал ду иза.
XIapa ламанхой Турце кхалхор мацах Ермоловна дагадеана, цуьнан заманахь долийнера.
И некъ боьллуш ши Iалашо йара Кавказан куьйгаллин: хIокху махкара мелла а адам дIадаккхарца ламанхойн ницкъ малбар, мукъадевллачу латтанаш тIе гIалгIазкхийн йарташ йахкар a. XIapa тIаьххьара шераш тIекхаччалц цхьа доьзал а даррехь нуьцкъаха Турце ца хьажийра Iедало. И дерриг а мекарлонашций, тешнабехкаций дора. Йа, эладитанаш даржорца, туркойн махках ламанхошна йалсамани тарйора, цига кхалхар хаздеш, йа, къизаллица ницкъ бой, сихха цига дIабовдучу хьола тIе бохура.
Ткъа кхалхоран гIуллакх системе цхьа-ши шо хьалхий бен ца дирзира. Михаил Тариэловична дагайеара Тифлисехь цу гIуллакхан хьокъехь тIаьххьара хилла кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара воккха эла Михаил Николаевич, эла Барятинский, эла Орбелиани, граф Евдокимов а. Дийцаре дина, тIаьххьара сацам тIеэца безаш дерг цхьа гIуллакх дара: малхбузера ламанхой, ломара охьа а биссийна, йокъанечуй, уьшалечуй аренашка йа Турце кхалхор.
– Ламанхой цигара дIабахарца дозаделла ду Iаьржачу xIopдан малхбален бердашца вай тIаьххьара а, гуттаренна а чIагIдаларан гIуллакх. Вай хьалхахIоттийначу шина некъах цара Турце боьдург къастор бу аьлла, хета суна, – шен лаам схьахьебира Михаил Николаевича.
– Стенна оьшу царна хьалха хержа некъаш хIиттор? – цецвелира фельдмаршал Барятинский. – Уьш йокъаней, уьшалей делахь а, аренгара латта оьшур ду вайна. Колонисташна мегар ду уьш. Цхьа бIе шо хьалха дIахьовсуш хила деза, императоран хьан локхалла. Беккъа цхьа некъ бита царна – Турце боьдург.
– Цуьнан сийлаллин лаам къобалбо ас, – тIетайра граф Евдокимов. – Ламанхой Турце кхалхор историн маьIне гIуллакх ду вайн пачхьалкхна. Цкъа-делахь, вайна зиэнаш доцуш, тIом сиха а, гуттаренна а чекхбаккхар нисло, шолгIа-делахь, мукъадевллачу ломан когашкарчу латтанаш тIехь паргIат колонизаци йойла хуьлу.
– Туркойн правительство реза хир йуй-те уьш империна чуэца? – шеквелира Михаил Николаевич.
– Суна хетарехь, цара хаза а хеташ тIеоьцур бу шайн басурманаш.
Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра. И ламанхой ловзарга хьовсош санна. Цигахь сацамбира, уьш Оттоманан империна чуэцаран хьокъехь дийцарш дан а, барт бан a xIapa, Лорис-Меликов, Стамбуле хьажо.
1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн гIоьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо бIе эзар Крымера гIезалой, ногIий а тIеэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.
Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши бIе эзар гIезало дIакхелхира цига. Царна тIаьхьа ногIий а гIоьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Меттигерчу администрацис шайна йукъа даржочу эладитанех, хазачу хабарех a Iехабелла, махках бовла ца лаьара царна. Уьш нуьцкъаха дIабаха безара цигара. TIe, шайн махка баьхкина ламанхой Россин дозанца охьаховшо ойла а йара туркойн. Англичанаш бара церан лерехь йиллина дIа и зурма лоькхуш. Амма кавказски Iедал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов.
– Уьш вайн дозанца охьаховшош хилча, эрна ма ду ламанхой кхалхор, – карзахвелира иза. – Къилбаседа Кавказера дIа а баьхна Закавказье когашка ховшабо-кх вай уьш. Цхьанхьара дIа а баьхна, и вешан мостагIий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара цIе йойъу, кхечахьа йуьллу. ХIан-хIа, ма-хуьллу генабаха беза!
1862-чу шеран 10-чу майхь цуьнан императоран локхалло Михаил Николаевича тIаьххьара а чIагIбира ламанхой кхалхоран гIуллакхах болу Кавказски комитетан сацам.
ТIакхха дIайолайелира ламанхойн исторехь уггар йаккхийчаралахь а йоккха трагеди.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дуьхьало тIаьххьара а кагйича, шайн къийсам эрна хиларх кхеттачу Кубанал дехьарчу ламанхоша а тIом сацийра. Амма паччахьан правительствона кIезиг хетара церан муьтIахьалла. Ламанхошна хьалха ши некъ хIоттийра: йа, Кубане а кхелхина, колониальни Iедална кIел совцар, йа – лаххьабелла Турце дIакхалхар. Шайн токхе мохк а битина, Кубанан йокъанечу йа уьшалечу латтанаш тIе кхалхар а, Iожалла а цхьаъ хетара ламанхошна. И ультиматум тIеэца ца лиъна халкъаш, кIез-кIезиг лоьхкуш, цкъа арен тIера ломан когашка дигира, цигара дIа лаьмнашка таIийра, лаьмнашкара дIа – хIордан бердашка кхийсира. Маситта шарахь бахбеллачу тIеман эрчонаш лайна, мацалло, цамгарша гIелбина ах миллион Малхбузера ламанхой, некха тIе цамзанаш хIиттийна, хIордийн бердийн йистошка таIийра. Ирсе-м догдохуьйла а йацара хIордан дехьарчу бердашкахь, амма, шайн синош кIелхьардаха, цига, хийрачу Турце, бовда дийзира церан…
Ламанхой дIауьдура шайн даймахкара. ЦIенош, даьхний, чудерзийний-дерзозий йалташ дуьтуш. ЦхьакIеззиг бахархойн аьтто нислора шайн миска сал-пал йохка. Иза а – маьхза, ала мегар долуш. Масех бIе эзар стаг шайн бахамаш, даьхний, сал-пал цхьана хенахь йохка боьлча, церан мах лахбелира буьйцу а ца хезначу бараме. Къаьсттина дорах дара даьхний а, герз а. Туркойн правительствос бакъо ца йеллера ламанхошна дохнаца а, герзаца а шайн импери чу бахка.
Кхелхачу ламанхошка хIоьттина ирча хьал гинчийн дийцаршка ша а дукха ладегIнера Лорис-Меликовс. ХIордал дехьабовла кеманаш ца нислуш, масех батте, шаре а бовлура уьш. Iаьнна кIел бахча, цаьрга хIоьттинчу хьолан сурт дилла а, дийца а хала дара. Дерзина, ала мегар долуш, бераш, зударий, карахь доцу йалтийн рицкъа, йукъадаьржина морзгалийн, Iаьржа а, чоьнан а ун, хоршанаш. ХIордан йистаца дIасакхийсина Iохкура, жIаьлеша диъна, дохийна, гIорийна, адамийн декъий. Оцу декъашна йуккъехь гора, чохь синош хилар бен, царах уьш къасто кхин билгало йоцуш, эгна Iохкуш, хевшина а, халла ирахь лелаш а адамаш. Царах дуккха а, дегIера са дала а кхиале, жIаьлийн хIонс хуьлура.
Ламанхой хIордан дехьа бердашка кхалхочу туркойн шкиперша, шайн сутаралла, барамал сов а кеманашна тIе буттура уьш. Мах коьртан цIарах ма боккхура. Ткъа кеманна мохь базбелча, жимма а уьне цамгар кхеттарш, когаш, кортош а лоьцуш, хIорда чу кхуьйсура. ТулгIеша аратийсинчу декъаша дуьйдинера хIордан шина а агIорхьара дерриг бердаш.
Кхелхачарна гIоьнна кхо бIе эзар сом ахча къастийнера паччахьан правительствос. Цунах цхьадерг уьш дехьабаха йолах лаьцначу кеманийн дайшна деллера, ткъа цхьакIеззиг кхелхачеран кара кхочура. Цхьа дакъа оьрсийн чиновникаша шайн дола хьовзадора.
Цхьадолчу кеманашна буха Iуьргаш а дохий, ламанхой тIебутту, ткъа уьш хIордан йуккъе девлча, хи буха доьлху, кхелхачарна лерина ахча кхузарчу оьрсийн Iедалан чиновникийн кисанахь дуьсу бохуш, эладитанаш а дара.
ХIокху Iаьржачу хIордан малхбале бердашкара уьш дIа а бовлале, йолийнера ламанхойх йохка-эцар. Кеманан долахошна дала ахча доцчара цуьнан метта зударий а, бераш а лора. Ахчанца кхуза оьхучу англичанаший, туркоший уггар хазачу мехкарех йузура кеманийн трюмаш. Шаьш кеманашна тIебохуш, маьхьаршца оьрсийн эпсаршка кхойкхура уьш, шаьш ма дигийта, даймахкахь дита бохуш.
– Понт Эвксинский хIордан тулгIешна тIехь инзаре дукха ламанхой хIаллакьхили, – дуьйцура цхьана эпсаро Михаил Тариэловична. – Инзаре эрчо йара иза, амма кхин а ирча дара дехьа бердашка дIакхаьчначийн хьал а. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш хIаллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь…
Ламанхойн бохамах шайн ницкъ ма-кхоччу пайдаэца гIертара массо а. Паччахьан правительство – xIapa маршо йеза къаьмнаш хIокху махкара дIа а даьхна, шен тIеман стратегин Iалашонца кхузахь колонизаци йан. Оттоманан Порта – и майра ламанхой дIа а бигна, империна чоьхьара къоман маршонехьа болам церан куьйгашца хьеша а, кхузахь шен мостагIчунна – Россина – дуьхьал царах пайдаэца а. Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. БIе шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, Iехош, хIокху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.
Ламанхой кхалхош шина а правительствона гIo дора меттигерчу феодалаший, динадайший. Россехь хиллачу реформо кхерийна уьш, шайн долара ахархой а эцна, Турце сихбелира. Цигарчу деспотин Iедалехь шайн политикин а, динан а идеологин идеал гучу царна хаьара цигахь шайн феодалийн бакъонаш, йукъараллин хьелаш шайгахь дуьсур дуйла.
Баккъал a, xIapa ламанхой некъашкахь а, дIакхаьчча, Турцехь а, мозий санна, хIаллакьхуьлуш, и феодалаш а, динадай а тIехдика дIатарбелира цигахь. ТIаьхьа царах дукхахболчара Турцехь пачхьалкхан а, тIеман а лаккхара гIуллакхаш дIалийцира, шайн даймахкахьчул эзарза дика баха а хевшира.