bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнаша ца дицдо

Магомет Абуевич Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

– Хьажал! – цхьа гIорза хьалаайира Кесирас, йуьхь серлайаьлла. ТIевахара Керим:

– Ах йахкаелла-м йу… Делахь а, и ах дIа а йаьккхина, кхехкийча мегар йу.

Шимма а леррина кхин а аьхкира циггахь: кхин ши картол а карийра, вукхунах тера. ТIетаьIIина саьнгаран йистера латта а аьхкира: халла кхин цхьа бурак а карийра, жимо йелахь а, йахкайалаза.

Цхьа картол, цIан а йина, буьйда йоллушехь йиира шимма а кхуззахь.

– Тоьар ду цкъачунна… Чу гIой xIopш кхехка а йеш, жимма садаIа. Со а, хьан латта, ах мукъна, чекх а даьккхина, дIавогIy, хье ца луш.

Кесира чуйахара, куча йисте хьарчийна и рицкъа а эцна. ДIайоьдуш и, мохехь маргIал санна, йай лесташ гинчу Кериман дог Iовжийра…

Малх гIушлакхе белира. Цо дохдора белшаш а, букъ а. Делахь а корта хьийзара: хьалха – жимма, тIаьхь-тIаьхьа алсамо. Ге чохь саццанза гIyp дора. КIеззиг лазайевллера настарш а. Вортанах, йуьхьах дуьйлучу хьацарна йовлакх а хьокхуш, са а доIий, йуха а дIаволалора иза бел Iитта. Болх хIинца а дуккха а биснера: вукху саьнгарна тIекхача ткъех сов гIулч йара. Малх нийсса коьрта тIе хьоьжура. Де дохделира. Хотторашкахь а, пхьаьрсашкахь а, цхьа тамашена тамехь йолу малолла йаьржира. Долла дегI а тамашена дайделира, пелаг санна. Кериман ойла а, ша а цецволуш, цIеххьана дуьненан массо гIайгIанех цIанйелла, шен гурара цIеххьана хецаделла олхазар санна, аре ма-ййу, тIомайаьлла дIахьаьдира, цхьанххьа а шена дуьхьало йоцуш.

Кериман лергаш чохь цаьпцалгийн цхьа зов делира. Бага йакъайелира. Вахана, йуххерчу арык чуьра хи мелира канахь. Жимма чу са а деана, йуха а шен балха дIахIоьттира, малхехьа букъ берзош.

Ге чохь ден гIyp, хIинца кхин а совдаьлла, лергашна а схьахезира цIенна.

Ге мацалло Iийжадора. «Делхьа, наха а ма йоура и… ХIун дара-те со а хьаьжча… Ахка а ца дезара»… – дагадеъна, волавелла, йуун буц-татиш лехира Керима гонах. Карийра. Iаьвшира. Чаьмза йара. Делахь а, Iаьвшина-Iаьвшина, чуйахийтира. Ге лозачуьра тийра. Йуха а дIаболийра болх. Болх меллаша боьдура дIа. Лергашкара зов совдуьйлура. ЦIеххьана ге чохь лазар иккхира: «Схьагарехь, татиш ца тайна суна», – Iетто гIоьртира. Ге чуьра гIyp карладелира, хьалха а ца хиллачу кепара чIогIа. ЦIеххьана чоьно хьовзийна дIахьаьдира Керим арыкехьа, аккаци кIел. ДIакхоччуш охьавуьйжира арык чу, кхетамчуьра а ваьлла. Делахь а, шийлачу хино меттавалийна, сихха, хьала- айавелира. Ма-хуьллу тIе хи а муьйлуш, Iеттийна, цIанвелира иза йиинчу бецах. Жимма Iийна, йуьхь-куьг а дилина, тIера бедар а цIанйина, йуха а малхе дIахIоьттира: дуьнен тIехь цхьанхьа а цхьа а бала боцуш санна, самукъане чу хьоьжура малх. Лергаш чуьра зов а, дегIера малолла а дIа ца йолуш, лаьттара. Тамаш бора: хIумма а мацалла ца хаалора, йа йуург йелара аьлла а ца хетара хIинца. ДегI а, чуьра са дIадоьдуш санна, тIеттIа дайлуш, догIура. «Леш воллу-кх со кхузахь хIинца!» – цIеххьашха дагатесира Керимна. ДIасахьаьжира шена гонаха дуьненан Iодика йечух, а цхьаьнга-м орца доьхучух тера. ДIо, геннахь, урамехь меллаша дIатекхаш гира, месала куйнаш коьртахь, адамийн жIуга – дехийра бармашца «цхьаъ… шиъ… кхоъ»… – дагахь багарбора Керима: «Со а… кестта»… – ойла хилира. Вукху aгIop тIехь цхьанхьа а цхьа бала боцуш санна, ша цкъа а духур доцуш санна, къегина лепара дуьне. Генна Iаьршашкахула ловзуш дIаоьхура, маьлхан зIаьнаршлахь дешин баса йахна, пелагех тера йай мархаш. Стигалан сийналла, беран ойланел цIена, детин суйнашца къегара. Малхбузехьарчу анайистехь, хIурдан кеманаш санна, кIайн мархаш лаьттара, меттах ца хьовш, вовшашна тIе а таьIна, вовшашца цхьа къамел дан шаьш севцича санна. И сурт а шена тIаьххьара гуш санна хетта, цу хазаллина тIера бIаьрг ца баккхалуш, цигахьа леррина хьоьжура Керим: «Со-м велча а хIума дацара… Хьо хазалла мича гIyp йу-те тIаьххьара?» – ойла хилира. – Оцу хазаллин кхоам бу-кх… Массо адамаш даларх а, дуьсур ду-кх латта а, и стигал а… Амма и хазалла, шега хьежа, шех цецдийла уллохь адамаш ца хилахь, иза а дIайовр йу-кх дуьнен чуьра… Цуьнан бу-кх кхоам!.. Адамийн чул а чIогIа!.. Иза кхин гур йац-кха суна а кестта. Делахь а хIун до кху дуьненах а, адам ца хилча?..»

ДегIера ницкъ тIеттIа бешаш лаьттара, бIагор оьхура, лергашкахь зов совделира.

Йуххехь йекаш кхин цхьа керла хIума тIекхетча санна хийтира. Лергаш чу пIелгаш дехкича, лахлора и, амма дIа ца йовра. Керим шена хьалха охьахьаьжира: йуткъачу лекхачу хелига тIехь, цуьнан буьххье а хиъна, шен чекх са гун дуткъий, дехий тIемаш а даржийна, йайн дIасатехкара цаьпцалг. Хаза йара.

«Меца хир йац… Цунна йуург массанхьа а йу»… – ойла хилира Кериман.

ТIаккха: «Со тахана лахь а, и-м лелар йу кхана а, лама а… ХIумма а дац! лелийта!»… – элира цо дагахь ша-шега. ХIинца цунна инзаре а ца хетара, сахьт хьалха дIадаьхьначу барамех шен бIаьрг кхетча санна, кху минотехь шена гергадеъна валар. Кериман ойла хIинца, дуьненан гIайгIанех буххец цIанйелла, хецна дIаоьхура гуш доцчу тIемаш тIехь, дуьне ма-дду, цхьанхьа а шена доза доцуш. Цунна дагатесира: «ХIун бен ду и?… ХIинца йа тIаккха… Ирх-пурх а лийр ма ду вай кестта… Дерриш а… хIун йу бIе шо?.. Ткъа… Кесира?.. Иза а лийр йу… Каташ а вехар вац ур-атталла бIе шарахь а… Ткъа бIе шо хIун йу абаденна гергахь?.. Массо а адам лийр ду, цхьа а буха ца дуьсуш… И латтий, и стигал доцург… И дIора хазалла а лийр йу… – йуха а стигалехьа хьалахьаьжира иза. Цуьнан ойла эццигахь кхечу агIорхьа хьаьвзира: «Делахь а, сайл хьалха, со валале…Кесира йолуьйтур йара аса: Каташ леш цунна ца гайта… Суна а ца йелхийта… ТIаккха – Каташ а… Иза ша балехь ца висийта… Цара ловр йац сан Iожалла… Амма аса… Амма аса… Амма аса»… Кериман ойланийн зIе, эццигахь, дуткъа тай санна, хиэдира. Керимна хьалхара хелига тIера цаьпцалг цIеххьашха тамашен сиха йоккха хуьлура тIеттIа: Хьозанал!.. Алкханчал!.. Лечанал!.. ЦIарула-цIиэн цуьнан чекх сагун тIемаш, самолетан тIемаш санна, инзаре даккхий, йерриг арена тIоьхула дIасадаьржира… Лергашкара зов дайра. ДегI лестира. Ша йуха а кхетамчуьра волуш хиларх кхетта Керим, шен дегIан а, синан а тIаьххьара ницкъ гулбина, ша волччохь, охьа ца кхета гIерташ, меллаша охьавахара аккацина кIел. Бацала охьахиира иза, шина куьйга шен хьийза корта а лаьцна, меттах ца хьовш. ДегIера гIopa меллаша дIаоьхура. БIаьргашна хьалха дуькъа дохк хIоьттира. Кхетамчуьра ца вала гIерташ халла Iapa иза. КIорггера садеIа вуьйлира. БIаьргашна тIехула, таIош куьг хьаькхира. СадеIа вуьйлира кIоргга, сихха. Жимма гIopa духадогIуш санна хийтира. Амма бIаьргашна дуьхьалахь дохк хIинца а лаьттара.

Цхьамма-м шен белша тIе довха куьг диллича санна хийтира Керимна:

– ХьалагIатта. Хьо хIун деш Iа кхузахь, – ца девза аз хезира. «Мацаллина хIуьтту гIаларташ хир ду-кх», – аьлла, Керим хьалахьаьжира: Полат вара.

– Ой-й… ХьалагIатта! Хьоь ца луьй со! – тIечевхира иза. БIаьргашна хьалхара пардо дайра. Полат велакъежира:

– Вало, больнице воьду вайша!

– «A-а… со больнице охьавилла воллу… И-м дика ду»…

Хьала а гIаьттина, Керим, вист ца хуьлуш, дIаволавелира Полатца меллаша, Полатан цхьаъ бен доцу куьг а лаьцна.

– Хьан гIуллакх ледара дац: Эзаус больнице завхозан балха дIакхойкху хьоьга! – кхаъ баьккхира Полата.

Керим цIеххьана меттавеара:

– Баккъал?

– Баккъал! Цуьнан хилла волу завхоз, поляк, дагахь а доцуш дIаволуш ву: цуьнга Польски эскаре дIакхойкху. Эзаус хьо лаха ваийтина со…

«Лечуьра диса а ма мега тхо хIинца?» – дагатесира, цунна, кийра нур латош. КIеззиг хан хьалха валарна кIелсецна волу Керим хIинца, дуьнене безам буха самабаьлла, ойланехь тохавелира: «Кошан йисттера вухавирзи-кх со!» – ойла хилира.

Xlapa Эзаус лоьху аьлла хезна, Кесира а йара дуьхьал йеъна. Керима доцца дийцира цуьнга хилларг. Кесирас, доьлхучу 6Iаьргашца маравоьллира и, эхь ца хеташ, йуххехь Полат а воллушехь. Кесирас, банки чохь схьайеъна йовха картолийн чорпа малийра Керимна, жимачу берана санна, иза ирахь а лаьтташ. Полата хьалххехь йехна колхозан шарабан схьахIоьттира. Кесира чу а хьажийна, Полатна йуххе шарабан тIе а хиъна, больнице вахара Керим завхозан болх схьаэца.

МАРИГIАЗ

Завхозан болх Кериме дIабелла ша ваьлча, лекхочу дегIахь волчу къоначу поляко Эзаун кабинета чохь, стоьла хьалха а хиъна, актана тIе, цхьа сакъералуш хаьхкина куьг а таIийна, йуха цунна улло, къовларшна йуккъехь къастош, йехха охьайазйира шен цIе а, фамили а: «Казимир Койшефский». ТIаккха ши куьг забаре стигала хьалатесира: «Аве, Мария!» – аьлла, доккха са а даьккхина, коре озийра цо Керим:

– Сан квартира а паргIатйаьлла, хьуна, хIинца: хьуьлларчу цIеношкахь… ЦIена ши цIа, – пIелг хьажош, гайтира цо ураман дехьахь лаьтта, Iаьржа толь тIетесна, лохо дина, дехо цIенош.

– Дукха а ца доьху… ХIусамда – Антон Федорович Репалко – осала воцуш къонах ву… Фронтовик! – тIетуьйхира Койшефскийс, Керим а фронтовик хилар хезна.

Къоначу полякан белшах белш а тоьхна, жимма цуьнгахьа aгIop корта а таIийна, ирсе йелакъежна лаьттара таьIначу аматехь хаза медсестра Вера Репалко, ден-ненан бертаза цуьнга дукха хан йоцуш маре а йахана, хIинца цуьнца геннарчу махка дIайаха кечйелла.

Цуьнгара актаца ша схьаэцначу хIумнашлахь Кериман дог къаьсттина доккхадедийриг йара огороддий, (ах гектар ца кхоччуш, больницаний, белхалошний йелла), жимочу хIургонца цхьа каде говррий.

Амма цаьрга а хьажале Керим цу сохьта Репалкон xIycaме вахара, сихха квартирах барт бан. ХIусамда а, цуьнан йоккха стаг а, цхьаъ бен воцу кIант фронтехь а вайна, хIинца йоIах а девлла, шаьшшиъ дисина, кертарчу, тIединчу тишачу цIа чохь Iаш дара. НеI тоьхна, Керим чуваьлча, ший а стоьла уллохь хIума кхоллуш Iapa. Стоьл тIехь гора бошхепашкахь бепиг, салат, селедка, кхехкийна картолаш, юккъе хIоттийна къаьркъанан шиша. Керима ша деъна гIуллакх хьахошшехь, хIинцале а гIеххьа кеп хилла волчу Репалкос, хьала а гIаьттина, пхьарс лаьцна, шеца стоьлана йуххе табуретки тIе охьахаийра Керим:

– И тIаьхьа дуьйцур ду вай. ХIинца… цхьацца дIабаккха беза… Хьо вайх волчух тера ву!.. – элира цо Кериман некха хьалха а хьаьжна. Кериман кара, цуьнга хаттаза, дуьззина стака а делла, цуьначух шениг туьйхира цо, ондда зов доккхуш. Цу сохьтта Репалкон, хьех санна, боданечу йоккхачу багахь тIепаза йайра и кIайн лепа тIуналла. Керима шениг, кIеззиг дIа а мелла, охьадиллира шишана тIехьа – ца гайта.

 

– Э-э!.. И мегар дац, сан ваша. Вайшиъ дуьххьара гуш ву, дIаэцал и! – аьлла, стака Кериман кара а делла, дIамалийтира, чекхдаллалц. Йуха а дуьзира ший а. Йоккхачу стага маллане а ца молура: иза, реза йоцчу йуьхьца шен майрачуьнга а хьоьжуш, тийна Iapa: тера дара, шена хетарг цуьнга баха кIорда а дина, хIинца, дог а диллина, иза IадIачух:

– Венгрехь… Го лаьцна висинчохь, Iемина цунна иза, – бехказа вохура йоккхачу стага шен майра, Керим шена ца молуш гича, цунах эхь а хетта.

– ХIа!.. Дахара вай!.. – аьлла, Репалкос йуха а дIамелира шениг Керимачух а тоьхна, амма цуьнга кхин мала а ца олуш. Репалкос хIоразза а, кад дIа моссаза молу, йуьхь кIон хебаршка йохуьйтора, бIаьргаш мерза хьабдора. Керимна хетарехь, и цуьнан дегIана марзделларг цуьнан кхетамо къобал ца дора.

– Дийцал хIинца, сан доттагI, бераш дуй хьан?

– КIант ву.

– И дика ду. Зудабераш оьшуш дац: хьан де эшначу муьрехь, хьо а тесна, дIагIур бу, хьуна, уьш, – Репалкон бIаьргех суй белира…

Цо Iийна, тIетуьйхира:

– КIентий а ца оьшу: уьш… уьш а тIам тIехь ле! – меллаша, бер санна, вилхира и, бIаьргех буй хьоькхуш. – Хаалахь, бераш хиллане а цахилар тоьлу, хьуна, кху дуьненахь!..

Керимна кIорггера къахийтира цунах. ЦIеххьашха бIаьргех йовлакх хьаькхна, Кериман бIаьргаш чу хьаьжира Репалко. Цуьнан йуьхь а хийцайелира, забаре йоцчу аматехь: Керимна гира цуьнан бIаьргийн кIоргаллехь догу, цо Берлинах латийначу цIеран можа суйнаш. Репалко хьалагIаьттира:

– Ахь хIун дей? Иштанехьа Iийр ву хьо!.. Мах боцуш!.. Суна хIинца кепек а ца оьшу!.. Хьенан дуьхьа?.. Хьуна лулахь, дехьа чохь, Iаш кхин цхьа фронтовик – кхарачай а ву, хьуна. Кханнехь, хьайн хIуманаш а йахьаш, доьзалца схьакхалха.

Вукху дийннахь Керим больницин хIургонахь Жал-тюбера шайн хIумнашца, Кесира а йалош, шина цIа чу схьакхелхира. Кериман лулахь, эскарехь политрук а лелла, капитанан чинехь цIавеъна кхарачай Азрет Шихангиреевич Шаманов, зуда а йалоза, ша Iаш вара, Гродековора денна Жал-тюбе балха а оьхуш. Иза цигахь, райцентрехь, райпотребсоюзан председателан заместитель вара, спецпереселенцашлахь, кхин лакхара хила йиш а йоцуш, уггаре а лакхарчу гIуллакхехь.

Кериман дахар цIеххьана диканехьа дирзира: Каташ, та а велла, цIа валийра. Кесира а Эзаус поваран гIоьнчин балха ийцира. TIe, цо кхарна кха тIера дакъа а дира.

Iуьйрре вахара Керим цунах бIаьрг тоха. Массерачул а тIехьа дара иза. Йуххе дIакхаьчча, ши жIаьла гира Керимна саьнгаран йистехь, цхьа даьIахк къуьйсуш, леташ. Цара къуьйсург, генара хьаьжча, котаман тIомах терахийтира. КхоалгIа жIаьла, йуьстахо, лерг таIIийна, цхьа горга йеха даьIахк йожуш доллура.

ГIорзалгаш тоьхна, дIалаьхкира уьш Керима. Дехьа а ваьлла, гергавахна хьаьжча: кхунна котаман тIомах терахеттарг адаман тIара дара. Горга даьIахк адаман бунастарх терахийтира. ДIасахьаьжира: гонаха кхин а адамийн даьIахкаш Iохкура, жIаьлеша йаьшна. ДIогахь, цара коган мIарашца аьхкина, схьадиллина ши-кхоъ адамийн каш а гора. Вагийча санна хьаьдда, больнице вухавеара Керим – Эзау чохь вацара. Юлега, гинарг а дийцина, хаьттира:

– И хIун ду?

– Дела ве и Дала хIаллак! Боьха хIума! Къаьркъанча! Мел бахарх а гIуллакх ца хуьлу-кх! Бехк ма биллалахь – хIун ду хаьий, хьуна?.. Кху больницехь – кхузткъаннал а сов лазархой Iохку, шовзткъа маьнгина бен xIapa лерина йоццушехь. Дукхахберш мацаллина кIелбиснарш бу. Денна а ле цхьацца-шишша. Йуьхьанца шайн наха дIабухкура уьш. ХIинца уьш дIабохка а стаг вац, дийна берш а мацаллина шайн цIахь боьжна Iохку. Эзаус вайн ворданчина Штольцана тIедиллина xIop велларг, хьуьлла дехьа а воккхуш, кIоргге, волла ма-веззара, дIаволлар. Хьалха а гучуваьлла Штольц, ор гомха а доккхий, дай-й тIе латта а тосий, дуьтуш. Цу тIехула Эзаус выговор а дина, бага а лейина цуьнга. ХIетте а, кхета ца туьгу и сий доцу хIума!

– Муьлш бу мацаллех лийраш?

– Спецпереселенцаш. Дукхахберш – нохчий.

«Чамм», – аьлла, бос баьхьира Кериман.

– Палаташ чу хьажа мегар дарий?

– Завхозан белхан хьашташна хьуо хьожучуха мегар ду.

Цунна тIе халат а кхоьллина, Юлияс палаташ чухула чекхваьккхира Керим. Керимна гира: балдаш а сийна, дистина, сийна геш а долуш, беснеш чу а кхетта, бIаьргаш кIоргга хьеле а дахана, Iохку нах а, бераш а. Керима цхьаьнге хаьттира:

– ГIоле йуй?.. – кхин ала хIума а ца хилла.

– Хир йу-кх гIоле а, Дала йоьгIнехь… Сатуху-ш ду хIинца-м хьал…

Цунна йуххерчу вукхо элира, ор чуьра схьахезачу озаца:

– Хьо-м нохчо ма хилла!.. Ма далийтахьа тхо… Даккхахьа орца! Тхан чохь биснарш а бу иштта бала эгна…

Берашка-м дIа а ца хьажалуш, сихха аравелира Керим. Шен чу а веъна, куьйга корта а лаьцна, ойлане вуьйжира

– «Баккъалла а кхин стаг вац-те со?.. Сан миска къомахой, мозий санна, мацалла леш лаьтта, ткъа со, сайн зудчуьнца, хаза йуучунна йуххе а нисвелла, паргIатваьлла»…

Колхозан председательна тIевахара маса.

Буьрканаш санна горгий, даккхий деза буйнаш оьгIазе стоьл тIе а дехкина, ойла йеш Iapa Федунько Петро Макарович. КIелдIахула Кериме хьалахьаьжира вон:

– Дийцал! – цабезаме хьалакхоьссира.

– Петр Макарович! Нах мацалла леш бу. Больницехь а Iохку, геш а дистина. Шайн хIусамашкахь Iохкуш бу а, боху, дуккха а, хьалагIатта де доцуш. Уьш спецпереселенцаш белахь а, хьан колхозана тIейазбина бара-кх! ГIодехьа! Ма балийтахьа уьш кхин мацаллех! ХIинцале а мацаллех беллачеран циггахь хIиттина кешнаш ду, жIаьлеша а охкуш. Ца тешахь, хьажа вола соьца! – дийхира Керима.

– Цуьнан сан бала бац. Сан колхозехь мацалла оьгуш лаьтта даьхни! Сийсара, – цхьана буса! – кхин бархI йетт белла! Тахана обкомера йан йезаш комисси йу. Сан корта баккха санна, хьийзор ву со цара… Цуьнан ойла йо ас.

– Ткъа дика ду: ирх-пурх а леш лаьттачу оцу бежнех цхьанна-шинна, мукъна, урс хьакхийтахьа… цу нехан гурахь хин йолчу чоьтана чуларий. Ца мега ишта дан?

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна?! – ирхкхоссавелира Федунько. – Тхан колхозникийн дуьхьа а цамагориг, шун дуьхьа хьан магор дара! Ца мега! ТIаккха-м, и бахьана а xIиттош, хецца дойур дарийца пачхьалкхан бежнаш!.. Делларш-м ца мега нахана жижигна дIадала: цамгарш йаржа тарло! Ахь хIун дей? Шайн комендантана тIе гlo: и цуьнан бала бу. – Федунько охьахиира.

Керим, ара а ваьлла, комендантана тIе вахара. Дийцира, спецпереселенцаш таппашца мацаллех леш бу аьлла!

– Ткъа шуна шаьш кхуза курорте дахкийтина моьттура? Шу-х велларг список тIера дIавайар доцург, сан кхин декхар дац. Райисполкоме гIo! – аьлла, шен къацахетачу бIаьргаш чуьра цIе туьйхира Керимна коменданта.

Керим ца вахара райисполкоме. Шайн чу веъна, буьйса йуккъе йаххалц, йух-йуха та а деш, кехат йаздира цо Джамбулски областан кхаа а куьйгалхочуьнга: обком партин хьалхарчу секретаре, облисполкоман председателе, НКВД-н хьаькаме. Iуьйранна Эзаух дагавелира. Эзаус, шен кабинетан неI дика дIа а чIаьгIна, леринчу тидамца деша а дешна Кериман кехат, элира цуьнга, къолам кара а лаьцна:

– Ахь хIун дей: хIоккхузахь… кху могIанехь: «мацаллех ле» боху дешнаш дIа а дахий, «йуург цатоарна, дистрофия а хуьлий ле» алий, кIадде. Советан махкахь адам мацаллех ле бохург политически нийса лорур дац хьан. ХIокху могIанашкахь – хIоккхузахь – меттигерчу Iедалан бехк а ца беш, и бехк меттигерчу колхозан куьйгалхошна тIе хьажабе: «цара кхачам цабарна, кху халчу тIеман заманахь, колхозан балхана а, пачхьалкхана а сов оьшу и белхан ницкъ эрна бовш лаьтта» – алий, йазде… TIe… кхуза… кIел цхьа бен а йоцу кхин цIе а йазъе, хьайн куьг а ца таIош. Суна дагадогIу, тхан цхьа немцо, хIокху тайпана кехат йаздича, таIIийна чувоьллира, итт шо хан а тоьхна, Советан Iедална дуьхьал аьшпе пропаганда йарна.

Керима шен кехаташ, Эзаун хьехамца та а дина, дIахьажийра кхаа а адресе. Амма кIел шен бакъ куьг таIийра цо: «Итт шо башха йоккха хан а йац, кху тайпана долчу гIуллакхан дуьхьа, и хьан йаздина царна ца хууш а дуьсур дац», – хьесап дира Керима…

* * *

Мацаллина тIе тифаш а кхетта, белларш дIабохка а ца кхиабора. Гродековон йистехь а, больницин кхашна тIехьа а нохчийн кешнаш денна шорлуш догIура.

Йуьртахой а дарбеллера – массарна а ца тоьура йуург. Колхозан фермашкара а, колхозхойн керташкара а бежнаш а, уьстагIий а лечкъор алсамделира. Цуьнан бехке Iедалхоша а, кхузарчу бахархоша а шайлахь гуттар нохчий лорура: уьш кхечарел тIаьхьа тIебаьхкина а, дукхаха а бара. Жал-тюбехь а изза хьал дара. Цигахьара хабарш денна а Азрета дахьара Керимна.

Тахана сарахь а КеримгIера чу хIоьттира Азрет:

– Тхо долчу шун больницина а хIумнаш кхаьчна. ДIайахьа вола, – йуха тIетуьйхира. – Сийсара Шакен-агIагIеран а йетт бигина.

Iуьйррана Керим больницин керта веъча, Штольце хIургон кечйайта дагахь, цкъа хьалха Эзаун кабинета чу хIоьттира иза, цуьнга кехаташ тIе куьг таIадайта. ЦIаста санна цIийвелла Эзау вара, мара а бусийна, чIениг а йегош, маьхьарца тIечехаш, неIарехь вегош лаьттачу Штольцна – немцойн а, оьрсийн а маттахь:

– Хьажахь цу эхь доцчу тодакхе: ша божална йуххехь буьйса йоккхуш воллушехь, сийсара шен мера кIелхьара вайн цхьаъ бен йоцу говр йигийтинийца кху йовсаро… Доннер веттер!

Керим ша лаьттачохь вогIавелира: «Говр!.. Кхин ма хир йац и кху больницина»…

– Со йовсар дац!.. Со Изидор Карлович Штольц ву!.. – дуьхьало йора, къаьркъанан хьожа а йетталуш, лесташ лаьттачу Штольца.

– ТIехула тIе, – тIетуьйхира цо, – со хьан хехо а вац! Со – ворданча ву! Говрах жоп лург а со вац, завхоз ву! – Керимехьа корта ластийра Штольца.

ЦIеххьашха дегIах зуз деара Керимна: «Массо хIума а хIинца нохчашна тIедохуьйтучу кху муьрехь там бара…» – ойла чекх а ца йоккхуш, иза Эзаун йуьхь тIе хьаьжира: цуьнан йуьхь тIехь шех шеко ца хаайелира. «Делахь а, ма дика дар-кха и схьакарийча», – бохург дагатесна, Эзауга вистхилира Керим:

– Ахь пурба лахь, кхидерг буха а дитина, сихха, хIинццехь и лаха гlyp вара со йуьртахула… Хьанна хаьа… Хан а дукха ца йаьлла.

– Дика ду, гlo, – шен буьйсийнчу цIечу мерах йовлакх хьаькхира Эзаус.

***

Керим, цу-сохьта больницера араваьлла, ураман аьтту aгlopхьа вахара, хьалха, вухавогIуш, дехьахула схьаван дагахь. Кху йуьртахь болу нохчий дукхахберш цу aгlop Iаш бара цхьацца лаппагIанаш чохь. «Хьанна хаьа… царах цхьамма, мацалло са кхачийча, йигна хила а тарло», – бохург дагахь дара Керимна. – Урс хьакхале тIе мукъна а кхачахьара»…

Ша чу вах-вахана керт блокнота тIехь билгалйора Керима. Дукха хьолахь неIарш йиллина хуьлура. Цхьанхьа а ца хаалора говран лар а. ХIинца xIapa тIеваханчу цIенойн неI тIечIаьгIна йара. Схьа а йиллина, чувахара. Нара тIехь шиъ дакъа дара. Бецаш йиъна, сийна балдаш а, дистина хьаладахна геш а долуш. КхоалгIаниг лаьттахь эрзан черта тIехь Iуьллура. Кхин цхьа а чохь йа схьагуш а, йа схьахезаш а вацара.

– Чохь мила ву? – хаьттира Керима, цхьа а вуй-техьа, шена ца гуш а, кху даьссачу чохь, бохург дагатесна.

– Бехк ма биллалахь, со хьала ца гIаттало, хьуна… – Черта тIехь Iуьллург, охьахаа гIоьртира, амма ницкъ ца кхаьчна, йуха а охьавахара. – Хьуна охьахаа хIума а йац… кху чохь, – элира цо гIийлачу озаца.

Амма цо хIумма а ца доьхура шена чувеанчуьнга.

– Iодика йойла! Дала маршалла дойла! – аьлла, цу чуьра а сиха аравелира Керим, ша-шега корта а лестош. Йуххерчу цIенош чу вахара. Кхарачайн доьзал хиллера. Цхьана кедара дечиг чаданашца чорпа санна цхьа хIума йууш доллура, пхиппа шо хир долуш, ши беррий, церан наний.

– Да мичахь ву? – хаьттира, уьш ца кхийтира, йуха хаьттира и оьрсийн маттахь.

– Белла… KIиpa хьалха, – охьахьаьжира зуда. Жимачу кIанта чада хьалакховдийра Кериме: «Охьахаа, йаа!» – бохучу маьIанехь.

Церан кеда чу хьоьжура Керим: йаккхий кIайн даьIахкашший, цхьацца даьттанан тIадамашший хаалора кедахь. Пешана йуххехь Iохкура кхин а царех тера йаккхий даьIахкаш а, йохоза, йолоза йолу цхьа йоккха виран коьртан кIайн туьта а. Керим кхийтира: говр йацара и.

Кхин шина кертахула а чекхвелира – цхьанххьа а говран лар а ца хаалора. Эххар а, цу aгIop долчу тIаьххьарчу цIеношна тIе кхечира. Массо а корашна, уьш дика дIадукъуш, дуьхьал цхьацца хIуманаш оьхкинера чоьхьара. Тиша ков а, ринжа а тIечIагIдина дара. Царна хьалхахула, ураман некъаца говран лараш а гора, амма уьш цу кертахьа ца йоьрзура… Ков кхин цкъа а дIатеттира Керима – дIа ца деллалора. Нуьцкъала схьадиллира тиша ринжа. Чувахара. Бодане дара. Цхьана корера шаршу дIайаьккхина хьаьжча: цIенкъа йуккъехь, истанга тIехь, гIорийча санна, меттах ца хьовш, корта а оллийна Iapa цхьа зуда, шена тIехула, коьртана а тIехь, цхьа тIелхигйаьлла шаршу а кхоьллина. Зудчунна йуххехь, тIехула тиша галеш а тесна, цхьа сал хаалора. ДIо нара тIехь ша Iуьллура боьрша стаг, тIе тиша йургIа а тесна: цуьнан йаьшна тIуьска гуш йара.

– Де дика хуьлда хьан, – вистхилира Керим, зудчунна йуххе а хилла.

 

– Де дика хуьлда… – гIийлла корта айбира зудчо.

– И мила ву? – нара тIе пIелг хьажийра Керима.

– Мар.

– Наб кхетта ву?

– Велла… КхозлагIа де а ду…

– Ой-й!.. – Керима, тIе а хилла, йургIа хьалаайира стагна тIера: йуьхь йаьлла, балдаш сийна, ге дистина дара. Са ца доьIура.

– ДIа хIунда ца воьллина?..

– Хьан вуллур ву?..

– Ткъа кху кIел хIун йу? – зудчунна йуххерчу сал тIе пIелг хьажийра Керима.

– Бераш ду.

– Муха?.. Бераш?..

– Сан бераш… Делла ду… Ши де хьалха…

Керим тIера галеш дIатесна, хьаьжча: йух-йуххехь, доккхаллица дIанисдина, Iуьллура диъ бер. Сийна балдаш. Лаккха тIееъна геш. Йуткъий настарш.

– Ткъа хьо хIун деш Iа кху чохь, цIенкъа йуккъе а хиъна?

– Кхин хIун дийр дара аса?

– CaгIa доьхур дар-кха, ара а йаьлла!

– Цо дихкина ша валале. CaгIa ца доьхуш, ле аьлла… Корашна дуьхьал хIумнаш а охкий… Кху чохь… ле! – нар йолчухьа байн корта ластийра зудчо.

– ЦIе хIун йу хьан?

– МаригIаз… ЖугIуртан йоI.

– Фамили?

– Ца хаьа.

– ГIазакхийн мотт хаьий хьуна?

– Цхьа дош а ца хаьа… Тхо маьлхий ду… – элира МаригIаза куро.

– ХIинца хIун дан ойла йу хьан?

– Кху чохь йала… Сайн берашна уллохь… И воллучохь,– йуха а корта ластийра цо нар йолчухьа.

Керим кхийтира, цо ков, ринжий дIа хIунда къевлина а, корашна дуьхьал хIумнаш хIунда оьхкина хилла а: и цIа церан йукъара каш дара, цо хьалххехь кечдина, шаьш дIабохка стаг хир воцийла хууш.

Ураман дехьахула ша вухавогIуш, цхьадолу цIа дуьтуш, вукхунна чувоьдуш, белларш, балабохкурш блокнота тIе дIайазбеш, сихха чекхвелира Керим. Цхьанхьа а говран лар йацара, воггIушехь Эзаун кабинета чу веъна, дIауьйхьира цуьнга блокнотан кехат:

– Кху тIехь, хIокху адресашца, вала герггавахна, амма хIинца а валаза, исс стаг ву. Царех шиъ геш дистина а ву. Уьш кху сохьта вайн больнице схьабало беза, Рудольф Рудольфович! Лечуьра бахахьа уьш!..

– Вало сихха, колхозера хIургон а йаккхий, ворхI схьавалаве. Геш йистина шиъ вита.

– Доктор! И шиъ вукхарел а эшна ма ву! – цецвелира Керим.

– Геш дистинарш ирх-пурх а ле. Тхоьга лечуьра ца бахало уьш. Цара эрна меттиг дIалоцу.

Эзаун аьчгачу хьесапо ойлане вожийна, Керим корехьа велира: цIеххьашха гира, йуьртан некъо голатуххучохь, чIарх-аьлла больницехьа а йирзина, нисса кхарна тIейогIу «виллис». Хетарехь, областера хьаькамаш хила безара – райцентрехь цхьана а куьйгалхочун йацара машен.

«Виллис» хецца больницан керта йеара. TIepa охьавоьссира кхо стаг: цхьаъ стоммачу дегIахь НКВД-н капитан, важа шиъ – штатски. НеI ца тухуш, кхоь а Эзаун кабинета чоьхьаваьлла, маршалла ца хоттуш, гIанташ тIе охьахевшира. Эзау, дегI нисдеш, хьалагIаьттира:

– Диканца догIийла шу! – пенаца дIахIоьттира и.

Капитан, ша Iачуьра гIаьттина, корехь лаьттачу Керимна йуххе хилира.

Макинтош йуьйхина верг Эзауна йуххехь охьахиира. Хьалха чуваьллачу, нисса Эзауна дуьхьал гIантахь Iачу, тIаьрсиган курткица волчо къамел долийра, Эзауна тIе бIаьргаш а доьгIна.

– ХIа! Дийцал! ХIун ду кхузахь?

– Гой шуна, – тийсалуш, дийца волавелира Эзау, «мацалла» боху дош ма-хуьллу йукъа ца дало а гIерташ. – Нах дукха ле кху муьрехь.

– Стенах?

– Дистрофиях.

– И хIун йу?

– Йуург а, витаминаш а ца тоьъча, дегI аз а лой, ге йесташ цамгар йу. ТIаккха ле. Палаташкахь шортта бу уьш… Лаахь, гойтур бара ас…

– Дика ду, – хьалагIаьттира тIаьрсиган курткица верг.

Юляс сихха кхаанна а тIе халаташ а оьхкина, уьш, Эзау хьалха а волуш, палаташ чухула чекхбевлира. Йуха Эзаун кабинета чу а баьхкина, бист а ца хуьлуш Iapa уьш цхьана ханна.

– Ледара хьал ду!.. – элира кхоьлино тIаьрсиган курткица волчо.

Майраваьллачу Керима, цуьнгахьа а вирзина, иза царалахь лакхарниг хетта, къорра элира:

– Кхузахь… Гена доцуш… Шайн хIусамашкахь Iохкуш а бу ишттаниш. Гайтий? ХIумма а гена дац шуна?

– Мегар ду! – хьалагIаьттира курткица верг а, цунна тIаьххье вуьйш а. Капитана Кериме кхоьссира:

– Хьо тхоьца вола…

Керим а «виллис» тIе хиира, неIаран йистехьа. ХIинцца, цхьа сахьт хьалха, шена гинчу цу массо цIеношкахула чекхбехира цо уьш… ТIаьххьара а шаьш МеригIаз йолчу кхаьчча, цIенкъахь йух-йуххехь, доккхаллица дIанисдина, делла Iуьллу цуьнан диъ бер а шайна дайча, тап-аьлла гIap йайра церан. Макинтош йуьйхначо бIаьргех йовлакх хьаькхира.

– Тоьар ду!.. – аьлла, неIарехьа волавелира тIаьрсиган курткица верг, шена тIаьхьа вуьйш а хIуьттуш.

«Виллис» тIе шаьш охьахевшича, цо Кериме элира:

– Жоп хир ду хьан арзана, жимма хан йаьлча.

«Виллис» дIаиккхира.

Керим сихачу боларехь больнице вухавеара. Эзаун кабинетехь Эзау а, Юля а, хIинцца схьахьаьдда Кесира а йара. Керим цара, лаьцна, шайца дIа-х ца вигний-те аьлла, сагатдеш.

– Гайтин ахь? – хаьттира Эзаус.

– Берриш-м гайти!.. Цхьаннийн бIаьргех хи а ма делира… жоп хир ду элира…

– И дика ду. И дика ду! – серлайелира Эзаун йуьхь. – ХIинца, гIой, колхозера хIургон а йаккхий, малх чубузале, сихонца больнице схьабалабе айхьа и билгал мел бина лазархой!.. Берриш а!.. И геш дистина шиъ а тIехь, – элира Эзаус.

БУХАРИНАН ТОМИК

Цхьа кIира даьлча, Кериме кхеран комендантехула райцентре дIакхайкхира – районан комендантана капитанна Ануфриенкона тIе! «Лаца бохку-те?» – дагатесира, тохара Эзаус дийцинарг даг чуьра ца долура. – «ХIун хаьа, сан арз цара харцахьара тиданий?»

Шеконаш нуьцкъаша дIатеттина, «Хиндерг – хиндай!» – аьлла, цига вахара Керим.

Капитан Ануфриенкон кабинетан неIарехь, стоьла хьалха, секретаран меттехь Iаш гира полковникан хормица, хьалха шортта орденаш а йохкуш, даккхий Iаьржа мекхаш а долуш («Буденныйнаш санна» – дагатесира Керимна) цхьа къонаха. «ГIалара хьаькам хир ву…– йуха – суна-х ца веъний те?» – шеквелира Керим.

Чохь гIанташ тIехь Iаш кхин цхьа-ши стаг а вара. Полковнико меллаша, сапаргIата хаьттира оьрсийн маттахь:

– Албастов Керим?.. Эцца охьахаа. Ас хьо веънийла хоуьйту! – аьлла, иза комендантан кабинета чу вахара, меллашчу боларца. «Мила ву-те и?» – Керим ца кхетара. – Леларан амалца а, шен хормица а баккхийчу хьаькамех а ма ву, ткъа… цо кхочушдийриг, гарехь, секретаран декхар а ма ду?» – ойла йора Керима.

– И мила вара? – хаьттира цо чохь Iачу цхьаьнга.

– Дукха хан йоццуш Джамбул-гIалара кхуза балха ваьккхина вайн комендантан гIоьнча, – Кериман хьаьрса цIоцкъамаш цеце хьаладахара

– Нохчо ву, – тIетуьйхира цо, Керим кхетош. Керимна хIинца дагадеара шен лулахочо Азрета, ша тамаш а беш, шега дийцинарг, Джамбул-гIалахь, гIалин комендантан капитанан гIоьнча нохчо-полковник ву бохуш. «Билггала иза ву-кх xIapa гIалара кхуза ваьккхина», – сацийра Керима. Керим ойлане вахара: полковник Идрисов Абубакар цIахь – Керимна хезнера и цIе йоккхуш – воккха хьаьким вара, Нохч-ГIалгIайн республикин НКВД-хь, наркоман заместителе кхаччалц, даккхийрачу гIуллакхашкахь а лелла. Нохчий, гIалгIай махкахбаха гергабахча, иза Соьлжа-гIалара генарчу Чуваше хьажийнера, цкъачунна новкъара дIаваккха! ЦIахь а цуьнан хиллачул лакхарчу гIуллакхе.

Ткъа нохчий-гIалгIай махкахбахар кхочушхилла даьллачул тIаьхьа, иза Чувашера, шен лакхарчу гIуллакхах а воккхуш, Джамбул-гIала схьавалийнера, комендантан-капитанан гIоьнча а вина. Нохчо хиларна. «ХIинца, гарехь, цигахь а сов хетта, кхузахьа ваьккхина и», – ойла хилира Кериман. Амма Керимна новкъа деара нохчийн маттахь и вист цахилар: «Оццул чIогIа кхеравелла-те и?» – дагатесира Керимна.

Полковник Идрисов, комендантан кабинета чуьра ара а ваьлла, чохь болчаьрга дIаса ца хьожуш, оццу меллашчу боларца вахана, шен стоьла тIехьа а хиъна, сих а ца луш, цхьа кехаташ херцо вуьйлира.

Царех цхьаъ схьа а къастийна, иза эцна, шен оццу меллашчу, Керимна куро хеттачу, боларца, ша хIинца а тохарлеррачу хьаькамаллехь волуш санна, сапаргIат комендантан кабинета чу вахара. Керима, лерина тидам бора цуьнан леларан: Керима лоьхура, цунна тIеIиттайеллачу йаккхийчу киртигаша цуьнан леларехь бина хила беза хийцамаш. Уьш бIаьрго схьалаца бацара. «Барзана хаьа шен хьалхалерра кура кеп хIинца а дIакхехьа, кийрахь зу керчахь а», – сацийра Керима.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28 
Рейтинг@Mail.ru