bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнаша ца дицдо

Магомет Абуевич Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

Дауд тIаме вахачхьана а, Нурбикин дахаран йерриг марзо а цуьнгара кехат кхачарца йара, массо а нанойн санна. КIантера кхаьчначу кехато цу сохьта башабора, йехачу буьйснашца сагатдеш, кийра биллина ша. Амма xIop деъначу кехато, цунна йуххехула, сингаттаман алу а тухура коьрте: «ТIаьххьара-х даций-те xIapa? Кхин догIурий-те?» – бохург дагатосий. ХIетте а, мел дукха хIума лур дара-кх Нурбикас тахана, тохара Расула схьадеънарг санна, цIеххьана кIантера кехат кхочург…

Эххар а, 1943-чу шеран ноябрехь, 13-чу дийнахь, Нурбика ша Iаш, почтальон велира чу. Схьакховдийра конверт. Нурбикас сиха схьадаьстира и, юха а чохь кIентан сурт карадаре сатуьйсуш. Чохь сийна кехат дара, зорбатоьхначу могIанашна юккъехула куьйга яздина цхьа-ши дош а долуш. Серлаяьллачу юьхьца Нурбикас дийхира почтальоне:

– Дешахьа xlapa, дукхаварг.

Почтальоно, тIе а хьаьжна, Нурбике духаделира иза:

– Тавсолте ду… Цуьнга дIало… – аьлла, сиха дIавахара почтальон, къамеле ца волуш.

Цуьнан шийла хиларх шекйелира Нурбика. ЦIеххьана йуьйхира иза, настарш малйелира, дегIе зуз хьаьдира цуьнан. Нурбика чуьра араиккхира Тавсолта лаха. Дегочу куьйгахь, кIега санна, дIасакерчош кехат а долуш, бос а баьхьна, лесташ йогIура иза урамехула.

– Хезий хьуна, хIей, ахь хIун до? – сацийра Тавсолтас, ша а ца гуш, тIехйолуш йоллу Нурбика.

– ХIан, хьажахьа, xIoкxo хIун боху? – балдаш дегадора Нурбикин. Тавсолтина, бIаьрг ма-кхийтти, девзира иза: и тайпа сийна кехат кхаьчначу кертахь тезет хIуттура. Деша дика ца хаахь а, кехатан шолгIачу могIанехь куьйга йазйина шен кIентан цIе йевзира дена.

Дехьарчу кех йуха ара а ваьлла, чехка дIавоьдучу почтальоне схьакхайкхира Тавсолтас:

– Дешал xlapa, хьо сиха велахь а!

Цаваьллачу денца почтальоно дийшира: «Хьоме накъост Берсанов Т. Б.!

Командованис даггара халахетарца хаам бо шун турпал кIант лейтенант Берсанов Дауд Тавсултанович Даймехкан сийлахьчу тIамехь майраллица валарх лаьцна. Тхо теша, вайн Даймохк, вайн халкъ дага а лаьцна, и доккха вон лан шун къонахаллин ницкъ кхочург хиларх»…

Кадам а бина, малделлачу боларца дIавахара почтальон: кху йуьртахь тахана и пхоьалгIа «похоронка» йара цо дIайелларг.

Йух-йуххе хIоьттина, дист ца хуьлуш, дахьийча санна, лаьттара Тавсолтий, Нурбикий цхьана ханна. ДогIанна дазделла генаш санна, охьадахара Тавсолтин цIоцкъамаш. Леш боллучу стеран санна, севцинчу бIаьргашца шена хьалхха лаьтта охьахьоьжура Тавсолта, меттах а ца хьовш. Нурбика, мохехь гla санна, йегайора. Меллаша вовшашка хьаьжира. «Остопираллах!!!» – шозза, кхузза элира Тавсолтас. Меллаша чудеара ший а. Балин бозалло Iадийна, тийна Iapa ший а нара тIехь. И хезна, цу сохьта, йагийча санна, чуиккхира Селита. Стоьл тIехь Iуьллура сийна кехат. Дийшира. Маьхьарца йелха йолаелира. Тавсолта, вист ца хуьлуш, чуьра аравелира.

Нурбика, шена хиллачух хIинца буххера кхиъна, коьртах кадетташ, кIентан сурт кара а эцна, маьхьарца йоьлхура:

– Сан Дауд! Сан кIант! Со-м совнаха хьан бIаьра хьажа а ца йаьхьарий, хьуна бIаьрг хиларна кхоьруш, сан цхьаъ бен воцург! Иштта хир дуй хиънехь, ас-м хьуна тIера бIаьрг боккхур а бацарий, нана йаларг!.. Со йиси – хьо лаьтто ваьхьи… Дуур дара-кх ас и латта!..

Белхарга цу сохьта схьакхечира Iаьржа духар дуьйхина Анна Львовна а, Кесира а, лулара зударий а. Уьш боьлхура, Даудан цIе а йохуш…

Цхьана кIиранах лаьттира тезет…

Берриг йуьртахоша, школерчара, райкомерачу накъосташа – массара а даггара дакъалецира цигахь.

Амма Тавсолтас тезетехь а шена тIе ца дитира Нурседий, нуцций. Билхина, билхина, дIабахара уьш, шозза а доьхначу дагца: Нурседин къаьсттина дог Iийжадора хIинца, дас-нанас боххушехь, хIунда йахара-те ша маре, Дауд тIамехь а волуш, бохург дагаоьхуш.

Тавсолтас, хьиэ ца луш, йуьртан кешнашкахь, шен вешиний, Увайсаний боьгIначарна йуххе, дIабуьйгIира Даудна лерина лекха хIоллам… ХIоллам бугIуш гIo динарш дIа а бахийтина ша вехха лаьттира цигахь Тавсолта: кIентан дегIах ур-атталла цхьа а цуьрг кхузахь доццушехь, хIетте а, и хIоллам, и дечиган бIарлагIа йара хIинца дуьйна Тавсолтин дог Iовжош, цуьнан бIаьрг шена тIехь сацо ницкъ кхочург, и бух боцчу ойлане кхоьхьург. «Вара. ХIинца вац. Мича ваха и? ДIавели. Цкъа а и хила а ца хилча санна, дIавели. Ткъа ван а хIунда вина хилла и? Ваха а стенна ваьхна? Мича махкахь ву хIинца сан кIант? Сан кIант!.. Сан Дауд!..» Жоп дацара цхьанхьара а схьахезаш: йа стиглара а, йа лаьттара а…

ХIолламна тIехула хьала-охьа куьг хьоькхуш, дIаваха ницкъ боцуш, лаьттара Тавсолта кхузахь хIинца: шен латтар а, йа кхузара дIавахар а, цхьабосса хьесапе доцийла шена хуъушехь, амма кхузахь ша мел лаьтти а дагна хьаам хуьлуш санна, Дауд шена мелла а гергахь волуш санна хетара. Йух-йуха хIолламах дай куьг хьоькхуш, доIанаш дора:

– «Йо, АллахI-Дела! Ахь кхоьллинчу хьайн дуьнен чохь айхьа хIоттийна низам тIеэца а, кхочушдан а, ницкъ ло ахь тхуна… Реза де ахь тхо хьайн кхиэлана»…– Тавсолта гонаха дIасахьаьжира, гонаха ирахдахна шортта кхин а хIолламаш дара схьахьоьжуш, дуккха а чарташ а, шира кешнаш а гора: «Со-м башха цхьалха а вац кху дуьненахь… Цара а йайтина-кх цхьана нахе цхьа ойланаш», – дагатесира цунна: «Кхин берш а дIабахна кхузара шайн белларш а битна!.. Со а тIаьххьара а дIа ца вахча ца волу-кха…». – Йуха а куьг хьаькхира хIолламах. ДIавахале аьлла, ирахь, тIаьххьара а кхин цхьа доIа дира цо хIолламна хьалха – шен дешнашца: «Йо, массанхьа а кхочуш, амма цхьанхьа а гуш воцу Дела! Массо а кхоьллина, массо а дIаоьцу Дела! Ас доьху Хьоьга: ма виталахь со цхьалха сайн балехь, хьайгара гIo доцуш. Айхьа суна велла сан цхьаъ бен воцу кIант, суначул дукха везна, дIаваьхьна Дела, ас доьху Хьоьга, Хьайн дуьнен чуьра дIа ца дойуш, дахийталахь даим сан кIентан са, Ахь-Айхьа кхоьллина, хьан нуьрах схьабаьлла и суй».

Йуха а ша динчу доIанех буьззина тоам ца хуьлуш, Тавсолтас тIетуьйхира: «Йо, Веза-Воккха Дела, таханлерачу кху луьрчу дийнахь, къиза мостагIа тхан Даймахкана тIелеттачу муьрехь, тхан халкъана, тхан толамна гергахь эрна доцу, пайденна гIурба хилийталахь сан кIентан валарх!» ХIинца эххар резахилла ша динчу доIанна Тавсолта, «амин» аьлла, йуьхь тIехула куьйгаш а хьаькхна, кешнашкара меллаша цIехьа волавелира.

* * *

Сингаттамаш, дIа меллаша эхахь а, амма тIе, жIуга йой, таттало цкъацца.

Даудах долу тезет дIадирзина дукха хан йалале Тавсолтин цIен тIе керла бохам беара: Нурбика шайн чохь, гал а йаьлла, цIеххьана охьакхийтира цIенкъа йуккъе. Дехьачуьра схьахьаьддачу Тавсолтина гира, хьала а ца гIатталуш, бос баьхьна, балдаш а сенделла, йоьжна Iуьллу хIусамнана.

И хьалаайа охьатаьIначу Тавсолтас, зудчун аьрру ност сеттинчух тера хетта, цигахула куьг хьаькхира. Нурбикин мохь белира.

– Ност йойна-кх хьан!.. И муха йой ахь кху шерачу цIенкъахь! – корта ластийра Тавсолтас.

Истанг тесначу нара тIе охьайиллира цо иза, ларйеш, кIел гоь а йаржийна, гIовла гIайба а буьллуш.

– Сан йойнарг ност йац… Дог ду. Вала хьаьхначунна… шерачу цIенкъахь а… карадо бахьана, – шех хIумма а тамаш ца беш, гIийла элира Нурбикас, шега хIинца къинхетаме хьоьжучу майрачуьнга.

– Йоха ма йохалахь! ХIинцца ас лоьраш балор бу! – аьлла, Тавсолтас сихха Селита дIахьажийра.

Селита йуха чу а хьажийна, Анна Львовнас цкъа маса йуьртан фельдшере кхайкха дешархо вахийтира.

ТIаккха телефонехула райцентрера лор а вехна, сиха ша а схьакхечира иза. Нурбикин коьрте а хиъна, цуьнан хьаьж тIе шийлачу хица дашийна гата дохкуш Iapa Селита.

Схьакхаьчначу фельдшеро, цкъа хьалха пхьаьрсах маха а тоьхна, Нурбикин йойна ност, Тавсолтас гlo а деш, зоьпарш а лоьцуш, бинтаца дIайихкира.

Лор схьакхаьчча, Нурбика гIоле а хилла, узарш ца деш йара.

Лергех йаккхийра чIагарш а кхозуш, дегIана лохо йолчу къоначу лоьро, фельдшере ла а доьгIна, йист ца хуьлуш, Нурбикин куьг а лаьцна, бетталу пха багарбира, тIаккха меллаша коч хьала а теттина, леррина даге ладуьйгIира.

– Аравалахьа! – дийхира Нурбикас Тавсолте, шен чет лоьро дIасахилийча.

Йуха чувеанчу Тавсолтегахьа а йирзина, элира лоьро:

– Меттахъхьейан мегар дац. Кхуззахь Iиллийта. Эшахь, соьга йуха а кхайкха, – тIаккха фельдшере: – И молханаш леладе. Xlapa мехий а детта… дийнахь кхузза… чIу ност йорал совнаха… инфаркт а йу кхузахь, xlapa охьакхетарна а бехке. Прогнозис пессима2… – аьлла, Iодика а йина, дIайахара лор.

Лазархочунна наб озийча, дIадахара Анна Львовний, фельдшеррий. Чохь тийна дара, цаьпцалгаш а йекаш. Хье ца луш йуха самайаьлла Нурбика, Селитига шен коьрта кIел кхин цхьа гIайба а биллийтина, кIеззиг хьалаайайелира:

– Тавсолта! – дуьххьара майрачун цIе йаьккхира цо. Цуьнан аз а тамашина дийкира. Зудчо шен цIе йоккху хезна Тавсолта вогIавелира ша волччохь: цо лоьручу Iадатехь цхьана доккхачу дийнахь бен йоккхуш ца хуьлура зудчо майрачун цIе.

– Со йалале… цхьа дехар ду сан хьоьга. Хьуна муьтIахь, ахь бохург деш… тахана сайн эхартан неIаре кхечи со. Соьгара дийлинчу гIалаташна къинтIеравала суна цкъа… Цул сов… со лечу дийнахь… сан дуьхьа… ахь сайн цхьа дехар кхочушдойла а лаьа… суна.

– Дийцал, Нурбика! Со къинтIераваьлла-кх хьуна… – элира весете ладогIа кечвеллачу Тавсолтас, шаьш къастадахкарх дог кхиъна, ша а дуьххьара зудчун цIе а йоккхуш.

– Ас доьху хьоьга… со йалале… кхуза схьа а йалаяй… суна а гойтуш… гечдехьа цу йоIана… Нурседина!

Тавсолта IадIара.

– Ас тIаьххьара доьху хьоьга, – аьлла, шен коьртара йовлакх а Тавсолтин когашка тесира Нурбикас. ТIаккха гIелйелла, йуха шен гIовлана тIе охьайахара.

Меттах ца волура Тавсолта! Шена гергахь йоккха киртиг йара цунна тIехIоьттинарг: доьзална а хьалха деллачу шен даша тIера шозлагIа а вухавалар – стоглара валар санна хетара.

 

Делахь а, йала йоьжначу зудчо, когашка йовлакх а тосуш, тIаьххьара дина дехар кхочушцадар наха а магор дацара. Зудчух къа а хетара. Ойлане лаьттара Тавсолта. Селита ден коча хьаьрчира:

– Дада, ас доьху хьоьга, дада!.. – йоьIан довха бIаьрхиш вортан тIехула чухьаьдира Тавсолтина.

– Дика ду! – доккха са даьккхира Тавсолтас. – Валлалц йина чIагIо, хьан дуьхьа, йохайо ас… тIаьхьа дохко ма волийла… Дика ду. Ас дош дели хьуна.

– Дела резахуьлда хьуна! – Нурбикин сапаргIатделира. ТIаккха кестта, дагар лакхадаьлла, иза харц лен йелира. Молханаш малийча, йуха а кхетаме йеана, наб озийра цунна.

Оццу сарахь, Селитас хабар дахьийтина, Нурседий, Расуллий схьакхечира.

Корта а оллийна, де доьхна лаьттара Расул.

Нурседа, йоьлхуш, дена мараиккхира. Тавсолтас, вист ца хуьлуш, белша тIехула куьг даьхьна, ховхха тIеуьйзира шена йоI, йуха а тохара жимачохь хилларг и хетта.

Даккхий хилча а, шен бераш бералара ца довлу. Цуьнгара хилла вас, йоI шех хIинца схьахьакхалушшехь цIенна йиц а йелла, хьаьира Тавсолтин дог, амма шен чIагIйеллачу амало и гайта а ца вуьтура: марахь хье ца йеш дIахийцира цо Нурседа. Да дехьа чу велира. ЙоI нанна улло охьахиира, цуьнан коьртах куьг хьоькхуш:

– Хьо-м толур йай, тхан нана, са ма гатде ахь! – хьоьстура цо иза.

– ДоьгIнехь, хир ду-кх иза а. Ца талахь а, дац хIумма а… Йалар-м ловр дара ас, шун бартхилар гичхьана… Iожаллел а хала ду-кх нанна доьзалехь барт эгIар… – доккха садаьккхира Нурбикас.

– Хьоьгара бала схьаэца… и бекъа йиш, мукъна, йелара тхан, нана! – элира Селитас.

– Дика ду и йоцуш а… Аш и дIаоьцур бара… Со йуьсур йара… Кху дуьненахь хIорамма а ша-ша такха беза шен бала… Бала боцуш цхьа а вуьсур вац… ХIинца paж соь кхаьчна.

Кхораш санна, даккхий бIаьрхиш оьгура, нанна уллохь лохачу гIантахь Iачу Селитин.

– Ма йелха… Делха эшац… Со йелча а, куьйгаш хьалха а туьйсуш, нахана ма делхалаш: нехан а белла… Йахь хила! Нах гIиллакхехь тIеэца… Делха кхуьур ду шу шаьш дисичахьана… Веллачун цхьа де бен хилац… Цуьнан гIуллакх цкъа хьалха дIадерзаде сихха… Дохий ма хьовза…

– Хьо-м лийр йаций!.. И ма дийцал ахь!.. – йуха а ненан коьртах куьг хьоькхура Нурседас. ТIехиллачу Расула, белша тIе куьг а диллина, хьаьстира йоьлху Селита:

– Баккъал а, делха бахьана дац… нана дика йу… кхин а гIоле хир йу.

Селита тийра. Нурбикин а сапаргIат делира: кхоь а бер бертахь шена хьалхха гора цунна хIинца: иза, ца Iебаш, серладевллачу бIаьргашца хьоьжура цаьрга.

– Схьайтал и… – этажерки тIерачу Нурседин деакIов куьзганехьа пIелг хьажийра цо. Селита Нурседега хьаьжира: тамашина хеттера, цкъа а ша чу хьожуш а доцу куьзга хIинца нанас дехар. Нурседас, тIе гата а хьаькхна, дIаделира нене куьзга.

Лерина чу а хьаьжна, Нурбикас:

– Дан а ду… сийна, – аьлла, йухакховдийра куьзга.

Нурседа кхийтира, вукхарна-м йуха а иза харц лен йаьлла моьттура.

ТIаккха, стол шена йуххе а хилайайтина, цу тIе Даудан сурт а хIоттийна, сов лерина цуьнга хьиэжа йелира нана, тIера бIаьрг а ца боккхуш. Моьттура: шен берриге тIаьххьара ницкъ гулбина и кIентан амат чухудуш йоллу, ша йоьдучу, сел шеко йоцуш ша тешачу, цу кхечу дуьнена шеца иза а дIадахьа дагахь…

Иштта иза Iаччохь Нурбикин йуьхь цIеххьана кIайелира, меран буьхьиг ирлуш, бIаьрганегIарш охьадийшира, корта охьабахара…

– Нана!.. Нана!.. – мохь белира йижарийн. Расул а воьлхура. Сехьа чу а ваьлла, Тавсолта меллаша йеса деша хиира цуьнан коьрте. ТIаккха, Нурбикин бIаьргаш дика ша дIа а хьабдина, вист ца хуьлуш, аравелира иза. Нурседий, Селитий, йоьлхуш, ненах хьерчара. Амма, церан белхар хIинца хезехь йоцу, Нурбика сапаргIат аркъал Iуьллура нара тIехь.

Цуьнан дакъаделла, доьзална даьцна, шен дуьхьа цкъа а вовшахтоьхна а, йа тоха деза моьттина а доцу, ши куьг, шаьш кху дуьнен чохь дийриг дина даьлла, шайн энжаде пIелгаш чу а хьаьвзина, хIинца паргIат, дегIан дохалла нисдина Iуьллура, цхьанна а кхин ца оьшуш, охьатесна ши кагтуха санна…

Цо, ача дIайохуш, йайшна чу хьекхначу куьйгийн разйевллачу мIарех бIаьрг кхетта Селита, дог Iаьвжийна, горайахара нанна хьалха, цуьнан куьйгашна, церан берчашна, цу мIарашна барташ дохуш: «Со йала хьан», – бохуш, ахIи-декъехь йоьлхура йоI…

Баккхийчу зударша лийчийна, марчо хьарчийна, кечдира дакъа. Сатоссушехь баханчу кегийчу наха каш а даьккхина, божарша барамахь, къонахчунна санна, тIехула верта а тесна, кешнашка йаьхьира Нурбика…

Кешнашкахь къуббана улло керла кошан барз хIоьттира…

– Иштта ду-кх xIapa дуьне, Тавсолта! ХолчухIоттарх хила гIоле йац… – кадам бора наха хаъал кхоьлинчу, таьIначу Тавсолтега. – Вохий ма хила! Дала гечдойла Нурбикина.

– Милла а соьга йогIучу дийнахь йеъна, цкъа дакъаза а ваьккхира, хIинца, цхьа а ца йогIучу дийне со кхаьчча, йелла, шозлагIа дакъаза а ваьккхи xIoкxo со… Дела резахуьлда, – олура Тавсолтас, ша мел балехь велахь а, зуда бахьана долуш, нахана таьIна ша гайтар осала лоруш…

Цуьнан цIен тIехь и шозлагIа тезет а дIадирзира…

Цо кхин Iен а ца магийтина, иттех де а даьккхина, дIадахара Нурседий, Расуллий, Нурбикин коша гонаха дика керт а йаьхьна, чурт а доьгIна…

* * *

ХIинца Тавсолтин цIа деса дара. Селита ша йисира деца. Цо дагахь йух-йуха а багарбора шех белларш: нана а тIекхийтира царна хIинца.

Халкъалахь а и ма-аллара, ваша велча мархалдоьлла Селитин даг тIера зезаг, хIинца нана йелча, охьадуьйжира. Селитин бIаьргаш, шайна чохь хIинццалц гIийлла баьгна чиркх а хIинца берриг а дIабайна, хIинца, буьйса санна, гуттар Iаьржа гора. Денна йоьдура иза кешнашка.

Анна Львовнас кхин а алсамбаьккхира Селитина ша тIебиллина болх, шен ма-хуьллу цуьнан хан паргIат ца йита гIерташ. Амма Анна Львовна ша а, Иван Саввичера дукха хенахь дуьйна кехат доцуш, гIайгIане йара. Цунна а сингаттаме дIаоьхура денош… Балхахь а шайн мукъачу хенахь дукха хьолахь цхьаьна хуьлура Селитий, Анна Львовний, ца йаьлла бен шайн чу а ца йоьдуш.

Тахана а, занятеш дIаевлча а, цIа ца йоьдуш, цхьаьний Iapa и шиъ хьехархойн цIа чохь, корах ара а хьоьжуш, радиохула лоькхучу Огинскийн полонезе ла а доьгIуш. Кху шеран дуьххьарлера ло дара догIуш: мох боцчу арахь, чекх генна са а гуш цIена долчу хIаваэхь, цхьамма-м комаьршачу канашкара чухецча санна, саццаза охьаоьхура месала, даккхийра кIайн чимаш. Селита лаьттара корехь, букъ тIехула ши чIаба охьа а йахийтина, коьртах шарф а хьарчийна, меттах ца хьовш. ЦIеххьана цуьнан белшаш кеггийра йегош, ши чIаба а йай техкаш, тидам хилира Анна Львовнин.

– Хьо йоьлху? ХIунда йоьлху хьо, Селита? – цуьнан белшах куьг хьаькхира цо.

– Ло догIу… Нанина тIе догIу… – са а ийзош, жимачу беро санна, элира Селитас.

Шен нана дуьнентIехь а йоцуш, дуьххьара цуьнан кашна тIедогIучу цу лайн тидам хиллера йоьIан. Оцунах кхеттачу Анна Львовнас, цуьнан цIоцкъамашна, лешначу бIаьргашна, гиччошна тIе куьг хьоькхуш, хьаьстира иза, жима бер санна.

– Ма йелха, Селита! Ма йелха! – амма Анна Львовнина шена а цу сохьта массо адамаш а миска хийтира. – Ма йелха…– элира цо йуха а, – массарна а тIе догIур долуш ло ду иза!..

Тавсолта коре хIоьттира, Селите чукхойкхуш. Иза тоъал оллавеллера: хьажар а, тохара санна, онда дацара, аз а кIедо декара. Шен коьрта Iалашо а йайна, кхин дан хIума а доцуш ша виснарг санна, иза, сих а ца луш, парггIата лелара хIинца: иза мел кхийринарг хилла даьллера.

КЪЕМАТА БУЬЙСА

I944-чу шеран январан хьалхарчех долчу дийнахь школина хьалхха сецначу грузовика тIера сиха охьавоьссира стаг, школин керта ваьлла, соцунгIа а хилла, цхьана метта вогIавелла, шена гонах дIасахьаьжира иза.

Дерзана генаш, куьйгех тера, шуьйрра дIаса а даржийна, «Дада-бIарана» тIехьа могIаршца лаьтта кIайн беш, Iуьйренан гимнастикина дIахIоттийначу взводах тарйелира цунна. Ло диллина керт тапъаьлла тийна хетара. Урокаш йара. Хьехархойн десачу цIа чу а вахана, охьахиира и. Горгали бийкира. Къийлалуш верриг а вулавелла волу иза цIеххьашха ирахIоьттира: иза Керим вара. Чуйелира Кесира, чу гулбелира Анна Львовний, Каташший, Селитий, кхибершший. ГIовгIа гIаьттира – деларан а, делхаран а. ШозлагIчу классехь волу Каташ, тIеведда, ден кара а хиъна, мидалш хьейан велира. Йуьхьа тIехь бесо хетара Керим. Цо дийцира, ша чов хиллачул тIаьхьа, госпиталехь а Iиллина, эскаре вухаваха воллучуьра, дагахь а доцуш, цIеххьана мукъаваьккхина, цIа ваийтарх, ур-атталла шена йала билгалйина тIаьххьара орден схьайалаза а йуьсуш. Ша санна кхиболу вайн къомахой а, цхьацца кхиберш а, тылехь белхахой ца тоьу, сихха цIа кхача аьлла, новкъа дехира шаьш, бохура. Цуьнан аьтту пхьарс кагбина бара гоьлехь. Анна Львовна корехьа а йаьккхина, цуьнга шегга дийцира Керима Иван Саввичах лаьцна шена хуург.

Эскарехь кхуьнца цхьаьна декъехь хилла майор Иван Саввич Терентьев, xlopш тIаьххьарчу атаке боьлхуш, шен танка тIехь массарел хьалха мостагIашна чухьаьдира, амма, цхьа хан йаьлча, вайнаш бухабевлира, Терентьевн танк цигахь а йуьсуш. ШозлагIчу дийнахь, и меттиг вайчара йуха схьайаьккхича, хаьрцина Iуьллучу танка чохь цхьа а ца карийра. ХIетахь дуьйна Савва Ильич мичахь ву хууш дац.

Анна Львовнас ца гайтира йуьхьа тIехь шен бала, ца йилхира, мохь а ца хьийкхира. Тийно-м лелара иза. ЦIахь а йацара йелха йиш: Ниночкас хоьттур дара, Савва Ильича а ловр дацара. Бакъду, кестта гиччош къежделира цуьнан, амма бIаьргаш, даима санна, собаре догура, аз синтеме декара.

Цуьнан а, Селитин а доттагIалла кхин а чIагIделира: хIинца кхуьнан а дара дагара дийца, тIе, цхьаьний атта а хетара деана вонаш лан а, тIе хила тарлучух лардала а…

Тахана йуха a Iapa xIapa шиъ цхьаьний, ул-улло а хиъна, школин корехула лайн аренга а хьоьжуш, радион кедо чуйеттачу «Маньчжурин аьрцнашкахь» цIе йолчу вальсе ла а доьгIуш, гIийла ойланаш дагаоьхуш: «Масане хир йу уьш хIинца а цхьацца къахьонаш, гуш а йоцуш боданечу сонешкахь адамашна кIелхевшина, вайн некъаш лардеш», – бохуш санна. Россиян геннара бала йуха гергауьйхьура хIокхарна эшаро.

Дехьарчу басахь лаьттачу гарнизонера цIеххьана схьахезира чIоггIа самукъане оркестран музыка, – дагадаийтира кхана эскаран дезде хилар, и даздеш, школехь шаьш а бан болийна кечам чекхбаккха дезар.

– Кийча дуй вай дезчу денна? – хаьттира Селитас Анна Львовне.

– Самодеятельностан концерт а, докладчик а кечвина, эскархошка хаам а бина… ХIинца, хьо Iуьйранна схьайогIуш, ахь цIера цхьа куззий, стоьл тIе тосу шаршуй схьаеъчахьана, кийчча ду-кх вай! – аьлла, Селита цIа а хьажийна, Анна Львовна чуйахара.

Цу сохьта карзахечу гIовгIанца йеана, школе кхечира цхьа «виллис». Сецира.

Анна Львовнина хьалха хIоьттира райкомпартин геланча:

– Анна Львовна! Хьоьга сиха райкоме дIакхойкху – poгleра йоцчу дежурстве. ЦIечу эскаран дезачу денна аш кечбина синкъерам а тIаьхьатотту. Хьо дIайига веъна со…

Анна Львовна «виллис» тIехь дIайахара…

* * *

Оццу хенахь, Селита шайн чу кхоччушехь, чувеара Тавсолта а :

– ЙоI, схьагулйел чехка гали чу вайн хIусамехь йуучех йолу хIума. Новкъа дIайахьа тарлу бедар а, мотт-гIайбa а, ларча йай, кечйел!

– Дика ду!.. – тIаккха цIеххьашха: – ХIунда, ва дада?

– Хаац хIун ду. Йуьртахула доллу некъаш хIинцале дIалаьцна эскархоша. Тховса цхьа «манераш» хуьлу боху… Амма со оцу «манерах» хIинца тешаш вац. Кечло!..

– ХIунда, ва дада? – йуха а хаьттира Селитас.

– Тховса… вай махках доху боху цхьаболчара…

– Вай-й, Дела! – йелха йолайелира Селита. – Ткъа… Нурседий?.. Расуллий?.. – райцентрехь дехаш долу и шиъ дагадеара цунна.– И шиъ вайца хир дац-кх?!.

– Уьш-м схьакхетар бара! Ма йелха! Баккъал а «манераш» хила а мега. Делахь а, кечло!.. Хьанна хаьа?.. – Тавсолта, догIанна гулйелла марха санна, вусавелла, доIанаш деш, суждане вахара.

* * *

НКВД-н полковнико Петросовс, ша болу кечамаш шаьш бина девлча, буьйса йуккъейаханчу муьрехь, райкоман зала чу дIагулбира кху меттигера берриге нохчийн хьаькамаш. Уьш, дукхахберш, шайн къомана кечдинарг хIинцале а ма-дарра хезна бара.

Амма кIеззиг а и дайдан, шайн карахь хIумма а дацар дика гуш, шаьш хIинца дуьйна цу эскархойн йийсарш хиларх кхетта, кортош а охкийна, тийна Iара селханалера нохчийн хьаькамаш, шайлахь хIинццалц шайн къомана дуккха а ницкъ бинарш а болуш. Амма уьш а, селхана шаьш нахана лелийна харцо йиц а йина, тахана шайна тIехь йеш йолу харцо Iеткъаш Iapa. Йаххьаш кхохкийна, бист ца хилалуш Iapa, хьуьлла йистехь, Iедална а, нахана а хьанала чекхбевлла, Далхьаддий, Кериммий, уьш санна берш, царна а хаьара тахана шайн халкъана хьалха, цхьанхьа а даккха шайн орца доцийла. Полковник Петросов, шен дуткъий, Iаьржа цIоцкъамаш хьаьж тIехь гулдина, стоьлах къолам тоьхна, зал чу хьаьжира. Зал дIатийра.

Онддачу озаца полковнико, йукъ-кара зала чу бIаьрг а тухуш, дийшира, Берияс кечдина, Сталина чIагIдина буьйр. Буьйро хоуьйтура: тховса, I944-чу шеран февралан 23-чу дийнахь, Москохан барамехь нийсса кхо сахьт ма-делли, нохчий, гIалгIай, массо а, шайн доьзалшца, цхьаъ буха ца буьтуш, махках бохуш хилар: «Уьш Советан махкана кху тIамехь йамарт хиларна»… «Цара советан Iедална дуьхьал дукхазза а, герз а карахь, гIаттамаш барна»… «немцойн эскарна цара ма-хуьллу гIo дарна»…

 

Чохьболчарна, массарна а, цхьабосса дика хаьара цо дуьйцург цхьа а бакъ доцийла: тIеман хьалхарчу деношкахь, газеташа а ма-хаийттара, тIаме баханера (дуккха а шайн лаамехь а боьлхуш) ткъе итт эзар сов нохчо а, гIалгIа а. (ТIеман заманан барамехь и хила йезачу проценте кхочура). Советан Iедал доккхуш а, – и историна тIехь а ма-йаздарра, – нохчийн, гIалгIайн къам Революцехьа уггаре а майра тIом биначех дара. Советан Iедална дуьхьал, иза дIахIоьттичхьана, цкъа а цара цхьа а гIаттам ца бинера. Ткъа немцошна цара гIo дина бохург-м данне а бух боцуш дара. Кицанехь йуьйцучу чено, шена йаан дагадеъча, шен кIорни, шена и ца йовзийта, бехйеш, ченала карчийна бохург санна, и дерриге а кхоьллинера Сталина, Берияс, кхечу къаьмнашна хьалха нохчий, гIалгIай ма-хуьллу бехбархьама. И инзаре гIуллакх Сталинна эшнера, къаьмнаш кхерамехь а дахкош бен, Iедал шен карахь латто йиш йоцийла хууш. Берияна а, цуьнан гонна а иза эшнера – Сталинна хьалха базбала, чинаш даха, шайн меттиг чIагIйан, тIе Сталинна а дIагайта – шаьш ца хилахь, цуьнан меттиг а йухург хилар. XIapa гIуллакх кхочушдар шайна тIедожийначу, шайн ойланехь цара кхиийначу, лахарчарна а лаьара, царна хьалха базбала, шайн меттигаш чIагIйан. Иштта кхоллайелла «круговая порука», хьовх, «политически къуйн барт» бара иза. Долийна гIуллакх йуьххьехь дуьйна а зуламе новкъа далахь, тIаьхьа иза кхин а доккхачу зуламе кхочу.

Ткъа нийсо? Конституци? Ленинан весеташ? Хьехо воьлларг а йуьстахвоккхура цу сохьта…

Буьйра дешна а ваьлла, полковнико, чохь берш кхетош, тIетуьйхира:

– Операци йолайо, хьалха ма-аллара, нийсса кхо сахьт даьлча. ХIетале шун декхар ду, шаьш кху меттигера нах а, хьал а цхьабосса дика девзаш болу коммунисташ хиларе терра, шайн-шайн участкашкахь, эскаран эпсарийн куьйгаллехь, шайн нах, царна и хенал хьалха ца хоуьйтуш, махках баха кечбар.

– «Шаьш–шайна шаьлта Iотта» бохург санна ду-кх», – дагатесира ладоьгIуш Iачу Керимна.

Нийсса зал чу а хьаьжна, полковнико кхин а тIетуьйхира:

– Массарна а дIахаалаш, йиллина хан тIекхачале нахе махкахбахарх хаам бинчунна, суд йоцуш, цу меттехь тоьпаш тухург хилар! Махкахбоху сахьт тIекхаьчначул тIаьхьа, нахе а дIахаийта: кIирна тоъал даар а, дегIана оьшу бедар а, мотт-гIайба а, шайца дахьа бакъо хилар. Кхин а дIахаийта: шайгахь долчо дОлу герз а, шийла герз а, къайла а ца дохуьйтуш, хIинццехь схьадала дезар, ца деллачунна, и гучудалахь суд йоцуш тоьпаш тухург хилар. Кху операцина, ур-атталл хетарехь а, дуьхьалбовла шеко йолу нах, лаххьабай, хьалххехь чубохка цкъачунна – йа клубехь, йа маьждиг чу. Амма уьш а тIаккха, кхиберш машенашна тIебаьхна ма-бевлли, дIатоха шайчарех. ХIинца аша а, – полковнико аьтту куьг, къолам а карахь, дай хьалаайира, – шайгахь долчо герзаш охьадахка… кху чохь…

Полковникна йуххера ши эпсар, хьала а гIаьттина, улло кхин ши сержант а ваьккхина, гатанан тIоьрмигца чухула волавелира. Керима а, Далхьада а, Джабраила а, кхечара а белхан декхарца шаьш хIинццалц лелош хилла герзаш дIаделира.

– ХIинца шайн-шайн билгалйаьхначу участкашкахула дIасадекъало! Вайн партина хьалха долу шайн декхарш эпсарийн куьйгаллехь дуьззина кхочушде!..

* * *

Керим шен участке воьдуш, цIеххьана соцунгIа хилира: райцентран майданахь, лайлахь, адамийн йоккха пхьоьха лаьттара, гонах дIахIиттийна шортта салтий а болуш. Пхьоьханна ткъех гIулч хьалхахь, киралелочу машенийн стогарийн серлонгахь, нахана а гойтуш, лайла дIахIоттийна лаьттара вуьрхIийтта шо хир долуш цхьа жимха, ший куьг букъа тIехьа гIоьмаш тесна а долуш, йуххе хиэ ши автоматчик а хIоттийна. Эскархошна цуьнгахь ворхIазза йолу тапча гучуйаьллера. Жимхас, и шена карийна йу, ша и цаьрга дIайала вогIуш вара бохуш, чIагIдора, амма цунах эскархой ца тийшира: цара иза, лаьцна, цунна тIехь тоьпаш туху кхиэл кхочушйан схьавалийнера. И хезна, сиха кхуза схьакхаьчна, пхьоьхана йуккъехь лаьттара кIентан нана а, Iадийча санна, кIантана тIера бIаьрг дIа ца боккхуш. Амма нанна шен дагахь моьттура, иза дуьххьалдIа куьцана, нахана гайта, кхера а вина, дIахоьцур ву.

ТIаьрсиган йоца кетар йуьйхина эпсар, веана, кIантана букъа тIехьа дIа– хIоьттира. Кисанара схьдаьккхина цхьа кехат дийшира, массарна а хозуьйтуш: тIеман заманахь цхьа а бакъо а йоцуш, шеца долу герз леладарна, цIечу эскархошна тIехьахула тешнабехк бан и дагахь хиларна, хIокхунна тоьпаш тоха сацийна, – аьлла, схьакхайкхийра эпсаро. Кхин шина машено а стогарш тIедерзийра кIантана. Церан къеггинчу серлонгахь къаьсташ гора пхьоьханахь, меттах ца хьовш лаьттачу нехан Iадийна йаххьаш. Эпсар кхин а тIехилира кIантана тIехьашха. ХумпIар чуьра схьайаьккхина тапча, кIентан нийсса кIесаркIогана тIе хьажош, йалийтира. Тапчин тата даьржира шийлачу хIаваэхула.

КIант хIинца а лаьттара лайлахь, тIедогIуш а ло долуш, меттах ца хьовш, ши ког, хьалха а санна, шуьйрра лаьттах дIа а гIортийна. Нана шен дагахь хIинца тийшира, шен кIантана цара лелориг куьцана хиларх. Пхьоьханан хьалхарчу могIарехь лаьттачарна-м гира кIентан хьаьж тIехь гучудаьлла Iаьржа-цIен томмагIа. КIентан бIаьргаш, ангалин баса дахана, меттах ца хьовш, нийсса адамашка хьуьйсура, цхьаъ-м шаьш цаьрга леррина хоьттучух тера, бIаьргийн йистошкахь, охьа а ца бужуш, сецна, хин ши тIадам а лепара. КIант лаьттара.

Эпсар цецвелира: «ТIехтили-те? Йуххера ма-туьйхира ас…». Тапчин биргIа шен мере оьхьна, хьожа йаьккхира: «ХIан-хIа!.. гIалат хила тарлац!» – шен дагахь аьлла, эпсаро, кIентан белшах дайн куьг тоьхна, схьаозийра иза. Цу сохьта, буххера хадийна дитт санна, дегI нисдина, аркъал охьавуьйжира кIант. Пхьоьханахь ненан инзаре цIогIа делира. ЦIоькъах тера чухьаьдира иза кIант волчухьа. Шина салтичо шайн автоматаш, жIарах дуьхьал тосуш, некъ лецира. Нана тIехула кхоссайала гIоьртира. Автоматийн бух коьртах тоьхна, салташа ша йолччохь охьайожийра иза.

Йоьжначуьра йуха гIаьттина, маьхьарца йоьлхура нана, шен дехий, Iаьржачу пхьуьйшашлахь долу, серлонгахь кхин а деха хеталу, пхаьрсаш леккха стигала хьала а туьйсуш:

– Йо, Дела!.. Хьо гуш ву-кх!.. Йо, орцах довлийша суна! – кхойкхура цо.

– Ма йелха, Кхокха!.. Собаре хила! – элира цига йуххехь нисвеллачу воккхачу стага Асхьаба. ТIетуьйхира:

– Делан кхиэл хилла йаьлла, вайн хийца йиш а йоцуш. Дан хIума дац. ДIахьажал!.. Ца го хьуна?..

Кхокха, цIеххьана йоьлхучуьра сецна, дIахьаьжира кIант Iуьллучухьа: цуьнан схьагуш, корта бен кхин хIума доцуш, гонаха луьстта салтий лаьттара, автоматаш а карахь.

– ХIаъ!.. хIаъ!.. Хьо бакъ лоь!.. Со кхойкхур йац, хьуна, кхин Деле а, йа шуьга а!

Кхокха, IиндагI санна, шершина, йайра пхьоьханан боданехь. Керим вехха лаьттира меттах ца хьовш, йуьхь цIийелла, жима корта шуьйрачу белшаш тIехь aгlop таIийна. Лo саццанза охьаоьхура. Лайн даккхийра чимаш, фарийн серлонехь техкаш, тIеоьгура кIантана марчонан метта, марчонал кIайн киса цуьнан дегIах хьарчош. Эххар а кIентан дегI дерриг а дIахьулдира лайно, цуьнан гуш хIинца, мажбеллачу меран буьхьиггий, жимачу Iаьржачу эткан буьхьиггий бен, кхин хIума доцуш. Уьш схьакъедара хIинца а шаршу кIелхьара санна, Iожаллел а цIенчу, лайна йуккъехула…

Кериме дIакхайкхира эпсаро шайн участкехь долу декхарш кхочушдан. И цуьнца дIавахара…

* * *

Райкомехь Анна Львовнас мел дехарх а – цомгушчу мардена а, йоIана а тIе Эскиной ша йухайахийтахьара бохуш, амма йа иза а, йа и санна болу кхиберш а Петросовс райкоман чуьра меттах ца бовлуьйтура: цо уьш охьаховшийнера махкахбохучийн хьокъехь доьзна цхьадолу кехаташ йухайаздойтуш, кабинеташ чу а боьхкина, неIарш арахьара ондда тIе а чIаьгIна: кху муьрехь меттигерчу райкоман белхахой а, берриш а, оьрсий а тIехь, цуьнан куьйга кIел бара…

Буьйса йуккъе йахана нийсса кхо сахьт даьлча, Анна Львовнина цIеххьана ша Iачу кабинета корехула гира: райцентрана а, дIо Эскинойна а тIехула йерриге стигал, эзар ткъес тоьхча санна, де xIoттош, серлайаьлла: махкахбоху ламанхой охьабига гулйинчу студебеккарийн эзар стогар цхьабосса латийнера цу сохьта массанхьа а. Эзар машенан гyгl гIаьттира гонах, адамийн дог Iадош, къематде тIедеъна моттуьйтуш.

Ло охьаоьхура, даккхийра лайн чимаш серлонгахь седарчех лепаш, амма уьш Анна Львовнина цIеххьана тамашена Iаьржачу басахь хийтира. БIаьргех куьг хьаькхира – йуха а уьш Iаьржа гора.

2«Прогнозис пессима» – латински (лоьрийн) маттахь – «сатуьйсийла йац» – бохург ду.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28 
Рейтинг@Mail.ru