bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнаша ца дицдо

Магомет Абуевич Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

– Ахь хIун до? Мегар дац! Собарде!

– ХIан-хIа, сан йиш йац цунна тIе ца кхаьчча! – иза ондда дla а теттина, Нурседа хьалхарчу могIаре йелира.

ЦIийеллачу, йоьхначу йуьхьаца схьавирзира Элдаров:

– Хьовсийша, кхин эхь ца хеташ, схьагIертачуьнга!

Цхьаъ-м, некъ букъуш, Нурседина хьалха хIоьттира. Амма хIинца, и йуххе йеъча, ма-йарра и гинчу Вильяновс элира:

– ХIан-хIа! ТIейаийта! – тIаккха цIеххьана: – Суна йевза и!.. Нурседа! – аьлла, ша тиллича санна, цуьнан цIе йаьккхира хьешо, массо а цецбовлуш. Hаx дIасахилира, гIар йайра.

– И вон амал! – эккхийтира Элдаровс шена йуххерчуьнга.

– ХIан-хIа! Цуьнан амал а йевза суна! И вон амал йац! – элира Вильяновс.

Йуха а гIовгIа гIаьттира. Вильяновна нисса тIейахара, корта айббина, Нурседа. Лами тIера охьа а вуссуш, куьг а луш, маршалла хаьттира цуьнга Вильяновс.

– Дийцал, Нурседа, муха Iа шу хIинца? ХIун оьшу? – сахьте хьаьжира и. Поезд йолайала кIезиг хан йисинера.

– Накъост Вильянов! Ламанхойн мехкарийн интернат йаран хьокъехь xlapa заявлени хьуна тIе дохьуш йеана со… кхузахь гIуллакх а ца хилла… Ахь гIo ца дахь, дош хилац, – элира Нурседас, йуьхьанца цкъа дего доладеллачу, йуха сихха меттадеанчу озаца.

Вильянов воккхаверца хьаьжира Нурседе: тохарлерачунна хьалха культурехь а дикка кхиъна стаг йара схьагург. Хьаьрсачу месийн стаммий чIабанаш, кур беш, товш хьарчийнера; тIехь йара сийначу бостонан костюм. ПарггIата лаьттара. Вильяновс, сихха даьстина, ша лаьттачохь дийшира кехат. Элдаровгахьа дIахьаьжира и. Важа хаъал кхуьйлира. Усмановн бIаьргаш чохь чиркх летира.

– Дика ду, Нурседа! Оха гlo дийр ду. Схьагарехь, зударшна некъ баккхаран гIуллакх тIаьхьаьдуьсучух тера ду шун кхузахь, – обкоман хьалхарчу секретарехьа вирзира и. – Шуна кхузахь ахча ца карадахь, Москвахь а хьовсур вай…

– Ахча-м тхуна карор ду кхузахь а! – хьалхатаьIира Элдаров.

– Хьалха-м ма ца элира ахь и, накъост Элдаров! – Iоьттира Нурседас.

– И хIун ду, Ткъа накъост Элдаров? – хаьттира Вильяновс.

– Ас… со… ахча-м хир ду… жимма собардичахьана… Цкъа бен йеъна а ма йац xlapa со волчу. Хир ду… карор ду… накъост Вильянов.

– «Цкъа бен йеъна а йац»… Йаз моссаза дина? TIe, ахьа-х чу а ца вуьту… мил-мила а! – тIетуьйхира Нурседас. Хьалхара секретарь шийло дIахьаьжира Элдаровга.

– Оха и тайпа гIуллакхаш талла ЦК-pa комисси а йоуьйтур йу кхуза. Шуна гIo дан. Бехкечаьрга жоп а доьхур ду! –ТIаккха Нурседегахьа вирзира Вильянов. – Iар-йахар муха ду? ХIун болх беш йу хьо хIинца? Да а, йиша а дуй могаш?

– Дика дохку. Могаш а ду. Дерриш балхахь а ду тхо.

– Хьо муьлхачу балхахь йу?

– Райкоман женотделехь, – охьахьаьжира Нурседа, ша заведующи йу ца ала. Вильянов кхийтира.

– Дика ду. Дешар муха ду хьан?

– ЦIа даьхкинчул тIаьхьа, дукха хан йоццуш, Москвахь ВПШ-хь, йалхбеттан курсашкахь дийшира.

– Сов дика ду. Делахь а, кхин дIа а деша деза ахь, Нурседа! Вуз чекхйаккха! Болх беш, заочно! Иштта тоьлур ду!

ЦIерпошт тохайелира. Массеран Iодика а йеш, вагонна тIе волуш, Вильяновс куьг хьалха Нурседега кховдийра. Дуьхьал йогIу важа пассажирски поезд дехьарчу платформе схьакхоччушехь, Вильянов тIехь верг дIайолайелира. Тамбур тIера Нурседега, лепачу йуьхьаца, лаккха айина куьг лестадора обкоман женотделерчу йевзачо…

КIайвеллачу Элдаровс элира шен накъосте:

– Эхь дац и… оццул дика чекхдолуш лаьтта цхьаьнакхетар цу питанчо, йукъа а иккхина, талхий-кх. Гирий хьуна, цуьнан йуьхь кхулуш? Дош дацара иза…

Усмановс, къайллаха тIевахана, куьг Iаьвдира Нурседин.

Цу сохьта, хьуьхь а йоьлла, йуьхьа тIехула хьацарца пудар охьа а оьхуш, мераIуьргаш а йусийна, схьакхечира тIаьхьайисина ТIаус, карахь хьарчийна цхьа кехаташ а долуш.

Массарна а йевза и, кхин цхьамма а тергал ца йина, оьгIазйаханчу йуьхьаца Эддаровна тIейахара:

– Ала ца мегара ахь, ва Муси?

– Суна сайна а ца хиира тIаьхьий бен, – башха лелина доцчу озаца жоп делира Элдаровс, шегара даьллачу гIалатна а, шена хIинцца иккхинчу йуьхьIаьржонна а бехкениг хIара лоруш: «Хьо лаьхьа ца хиллехь, ас тIеэцна а хила мегарий и-м», – элира цо дагахь.

– ТIаккха, тIаккха, Муси… хIун эли цо?

Элдаровна йуххерчо ца вешаш эккхийтира:

– Цо, дера, элира, культурин министр сов сиха дIа а ваккхий, цуьнан метта хьо хIоттае!

Гонахарнаш гIадбахана бийлабелира. Дуккханна а хезнера: луларчу республикашкахь а культурин министраш зударий бу, ша а кхузахь цу балха йахийта, бохуш, ТIаус хьийзар. Иза ша лаьттачохь а йитина, букъ берзийна, кхин ТIаусе вист ца хуьлуш, шен накъостаца дIавахара Элдаров: массарна а гучохь шен цуьнца гергарло дацарх нах кхетийта! Охьаихинчу хьацаро хьоькхнаш а хIиттийна, хIинца шен йуьхь эрчайаьллачу ТIауса, цунна тIаьхьа, гIам-гIим дора, шеца лаьттачу зудчуьнга:

– Iовдал! Боьха хIума! Суна ца хаьа моьтту-кх цунна, шен да мила хилла! Соьга ша мел дийцинарг а суна дицделла моьтту-кх цунна! Iовдал! Ас гойтур ду цунна и-м! – аьлла, вокзалан йуькъаллехь, коьллашлахь моьлкъа санна, тIепаза йайра ТIаус.

* * *

Перронехь, йистехьо а йаьлла, Усмановца къамел деш лаьттара Нурседа. ТIехволучу Элдаровс, хIинца тидаме схьа а хьаьжна, Iодика йеш, корта таIийра кху шинга. Нурседа дIа а ца хьаьжира. ХIинцца шена хиллачу йуьхькIомах йоккхайерна, цуьнан кийрахь лекхалора, цунний бен хезаш йоцу, исбаьхьа зурма: «ХIинца сихха чекхйер йу интернат!»

Кхуьнца лаьттачуьра Усманов, кхуьнан Iодика а йина, шозлагIчу некъа тIерачу поездан «Москва – Баку» тIейаздинчу вагонна тIе волавелира, цхьана накъостах бIаьрг кхетта. Оццу вагон тIера охьавоьссина, аьрру куьйга лаьцна чамда а йолуш, схьанехьа вогIучу кхечу стага, саца а вина, хаьттира, xIapa шега нисвелча, оьрсийн маттахь:

– Бехк ма биллалахь! Уггар йуххерчу гостинице муха кхочур вара со?

Оцу стага цIеххьана тидам тIеоьзна, Нурседа а сецира. ТIехьаьжча, шовзткъа шо сов хир долуш, погонаш тIера йаьхна, эпсаран тишо хорма а йуьйхина вара иза. Цуьнан шатайпа, аьрру ког кIеззиг дIа а тесна, дIахIоттар а, цхьаьнга-м ладоьгIучух тера, корта жимма агIор а саттийна латтар а, цхьанначух-м тера хетта, амма дагалаца ницкъ ца кхочуш, хьоьжура Нурседа.

Цу стеган йуьхьан сибато-м цхьа а дага ца воуьйтура: аьрру бесни тIехула раз охьабогIура вагийна муо. ЧIогIа къежделла гиччош тадаза дара. Схьахеза цуьнан аз а цхьанненчух а тера ца хетара йуьхьанца. Цо, шегара чамда охьа а йиллина, цигаьрка латийра. Усмановгара йехначу сирникца. Амма йуха а цуьнан аматаша, леларо тамашена цхьаъ-м дагаоьхуьйтура Нурседина. Усмановна баркалла а аьлла, и схьаволуш, цо шен чамда лаьттара йуха схьаоьцуш, Нурседина, цхьаммо-м цIеххьана бодашкахь йуьхьа хьалха фонар лаьцча санна, цецйолуш гира цуьнан аьрру куьйган чолакха хьажон пIелг, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь бисна болу. «Ма тамаш бу-кх хIара а сел тера нисдалар… Хоттур ма ду ас», – дагадеъна, Нурседас хаьттира оьрсийн маттахь:

– Бехк ма биллалахь, хьо сайна вевзачух тера хеттера суна! Хатта мегар дарий?

– Дера мегар ду. Хаттал! – шегара чамда, йуххе охьа а хIоттош, велакъежира и, бага йуьззина кIайн болатан цергаш гучу а йохуш.

– Муьлхачу къомах ву хьо?

– Нохчо ву, – элира цо вайнехан маттахь.

– Увайс!

– Нурседа! – и шиъ, ваший, йиший санна, вовшашна маракхийтира:

– Берхитта шо даьлла-кх вай ганза!

* * *

Оццу «Кавказ» гостиницехь хIусам а лаьцна, ша паргIатваьлча, Увайса дийцира Нурседега шеца мел хилларг. Кхуьнан истори тера йара Терентьевичух. I943-чу шарахь, атакехь, вагош, чов а хилла, хIара, кхетамчохь а воцуш, йийсаре вигнера фашисташа. Словакехь фашистски лагерера ведира xIapa шина накъостаца. ХIорш леца тIаьхьабевллачара пхьаьрсах чов а йина, эрзан цхьана уьшалахь Iиллира хIара, шина-кхаа дийнахь, накъостех хаьдда. ТIаьххьара а тIеIоттабеллачу словацки «таллархоша», аьлча а, партизанийн разведчикаша дIа а вигна, вехха Iалашвира xIapa, куьг тадаллалц. Цул тIаьхьа, церан партизанийн отряде хIоьттира: динамитца лелхийтина тIеш, Iина йуххехь херцийна мостагIчун поездаш; тоьпан дIаьндаргаца эгийна обер- эпсарш; хехошна бага горгамаш а йуьхкуш, сатоссуш кIелхьарбаьхна байа кечбинарш; Москваца хьуьнахара латтийна радион зIе – дукха дара масех баттахь цара дина гIуллакхаш. Амма тIамехь майрачийн а гуттар ца хуьлу аьтто. Цхьана дийнахь мостагIчун герзийн складаш лелхийта богIуш, кхеран план айкхехула хиъначу фашисташа хIорш, кIело а йина, бохийра. Шина-кхаа йуьртах а ваьлла воьду хIара, немцойн дозорнийша, кхуьнгахь документаш цахиларна, шекбевлла, лаьцна, гестапога дIавелира. Цигахь кхуьнгара шайна пайдехьа дош дериг а ца хилла, xIapa ма-варра ца вевзаш, «Бухенвальд» концлагере хьажийра. Йуххерчу тIеман гIирсийн заводехь кхуьнга, кхечаьрца цхьаьна, куьйга хала болх бойтура. Меллаша йоьдура Iазапе хан… Цхьана дийнахь оцу заводана американски кеманаша, къаьхьа-къурс оьккхуьйтуш, бомбанаш йиттира. Фашистски гIaрол дIасаделира. Лецначех дуккха а адам цигахь хIаллакьхилира, амма бисинчех бохазнаш, хIара а тIехь, цу йуккъера а бевлла, бевдира. И дара тIом чекхболлучу муьрехь, I945-чу шеран апрелехь, нисса пхийтта шо хьалха! ХIетахь вайца союзни долчу англо-американски эскаро шайна тIекхаьчча хIара, кхуьнан дехарца, вайн эскарх схьакхетийра.

– Циггахь йийцира ас дуьххьара сайн бакъйолу цIе а, со мила ву а, айса лелийнарш а, – дуьйцура Увайса!

– Амма фашистийн тIеман гIирсийн заводехь болх бина ву аьлла, шекбевлла, чу а воьллина, махкана йамарт хилларг веш, ткъе пхиъ шо хан а тоьхна, со Сибире хьажийра. Малх гуттаренна а дIабайча санна, хийтира суна. Ас мел лайнарг – ткъа суна хилларг! – дагара ца долура. Цхьаьнгге а йаздан а, йа суо дуьненахь вуйла хаийта а дог ца догIура сан йуьхьанца. Делахь а, цхьа хан йаьлча, кIеззиг меттавеана, со а волавелира, кхиберш санна, сайн бехк бацар далхош, кехаташ йаздан. Жоп ца догIура. Эххар а лагеран коменданто тIе а кхайкхина, суна мера кIел уьйхьира сан леткъамийн барз: «Маца соцур ву хьо хIара эрна аьшпаш буьттучуьра!.. ДIахоуьйту хьоьга: кхин йаздахь, карцер чу вуллург хилар! Куьг таIаде! ХIоккхуза!» – Ас мел йаздина кехаташ суна хьалхха пеша кхиссира цо! ТIетуьйхира кхерош: «И хIун ду?» «Со нохчо ву… цигахь, хаттий, къастаде, сан цIе хIун хилла, со хIун стаг ву?!» Хаьий хьуна, хьан дерриг къам пачхьалкхана йамарт хиларна махках даьккхинийла? Ма хIума а карийна: «Со нохчо ву», – тIетуьйхира цо йуха а заявлени тIера сан дешнаш…

 

– Тхайн лагере керла лецнарш кхаьчча, хиира суна цо аьлларг бакъ дуйла! ТIаккха гуттар дуьненах догделира сан: бер санна, вилхира со, йуьстах а ваьлла. Сайна хиллачул ззарзза халахийтира халкъе деанарг. ХIумманах а ца кхетара со: мел хиънарг а, Iамийнарг а – шадерг коьрта чохь кегаделлера цу хенахь, хиллачун дуьхье ца кхуьуш. Сибрехахь цинга а хилира суна. ХIетахь, туйнаца багара дIа а кхийсалуш, охьаийгира цергаш. Амма лагершкара хьал цIеххьана хийцаделира: Сталин веллачул тIаьхьа бандит Берия а чувоьллинера! Йуха а катоьххна, заявленеш кхехьийта долийра оха, тхешан бехк бацар дуьйцуш. Кестта, ХХ-гIа партсъезд а хилла, йуха толлуш, бехке верг-воцург къастийна, дукха хан ялале, со а, массо бехк боцурш а паргIатбаьхна, цIан а беш, дIахийцира.

– ХIетахь хьайн нахах схьакхета хIунда ца хьаьжира хьо?

– Цхьаннан а адрес ца хаьара. Ца ван дагахь-м вацара со. Могушаллина а, вуьшта а де дацара: беркъа вара, ахча дацара, документаш а нисдаза дара. Шух йухькIамца кхета а лаьара. ТIе, соьца цигахь и итт шо, бехк а боцуш, цхьаьна даьккхинчу, Гомель-гIаларчу сан цхьана оьрсийн накъосто… ас вуьйцур ву хьуна и… оцу чамди чохь ду цуьнан суьрташ… – Мирченкос – шайн цигахьа дIаозийра со шеца. Цо, шайгахь Iавеш, доккха гIо дира суна Гомелехь: сайн ниссачу цIарца паспорт а йухадаьккхира, духар ийцира, жимма меттавеара. Цул тIаьхьа тохавелира со шу долчу, Казахстане дIаван, гергарнаш а, бевзарш а лаха. Амма Мирченкос… Фроло – и йара цуьнан цIе, йуха а сацийра со: «Сих ма ло. ХIун до ахь хIинцца цига вахана. ДIа ма-вахха, нохчо ву аьлла, учете хIоттор ву хьо… Царна а хIун пайда хир бу хьох? Собарде… Кестта шун гIуллакх кхин а бакъалгахьа дан там бу. Цул а, цхьаьний балха а оьхуш, заочно деша гIор вайша, суьйренан агрономически техникуме: хьайн нахана тIевоьдуш хьо-м цхьаъ хила везий!» – элира цо.

Иштта, даханчу шарахь оха шимма а и техникам чекхйаьккхира. Цул тIаьхьа, Москварчу сельхозинституте заочно деша кехаташ а дахьийтира дIа. ХIинца шу долчу йуьхькIамца сайн вуха ван чот а хетта, цIа веа-кх со… вайн йуха хIоьттинчу Нохч-ГIалгIайн республике! –чекхдаьккхира шен дийцар Увайса.

Нурседас маьркIажехь Кериме йуха а телефон туьйхира, вокзалехь Вильяновс шен гIо лацар дуьйцуш:

– Сихха схьавола! ХIаанний, тховссехь! Доккха гIуллакх ду! ХIан-хIа, цатам бац… мелхо а, доккха хазахетар ду! – Амма Увайс схьакхачар ца дийцира цо: мелхо а телефоне кхийда Увайсан куьг а дIахилийра Нурседас. – Собардехьа жимма! ХIинцца схьакхочур ву! Берриг шина сохьтан некъ а бац! Хьуо вевзийла хьажийтахьа!.. Дийцахьа, зуда ца йалош, муха Iийна хьо хIинццалц?

– Кху шарралц зуда йалор дагадогIучохь а вацара… ХIинца ахь дийцахьа шайца мел хилларш…

… Къамелаш а кхачийна, хIара шиъ Кериме хьоьжуш Iаш, эххар Увайса хаьттира:

– Вокзалехь ма дукха дара шу? ХIун дара цигахь?..

Нурседас иза а дийцира.

– Ма ирс хили-кх вайн, XX съезд хилла!

– Дерриге дуьненан а!.. – тIечIагIдира Нурседас…

Цхьайтта доллуш, цхьаммо-м кхеран неI туьйхира… Чувелира Керим… Ши ваша вовшийн марахьаьрчира… И шиъ цхьаьна а витина, Нурседа шен номер чу йахара…

Iуьйрре самайаьлла Нурседа меттара хьалаиккхира. Чохь хIинца а бодане дара. Коре йахана, дIасахилийра цо деза охьакхозу чилланан кирхьа. Малхо чукхоьссина зIаьнарийн цIов, стоьл тIе а кхетта, пенашна тIехула нуьран лоппагаш хилла, дIасабахара.

Диллинчу корехула чухьаьдира Iуьйренан хIуо а, самайаьллачу гIалин гIовгIа а. Цхьа а меже хаалуш а йоцуш, дайн, хIаваэ дала кийча хетара Нурседина шен дегI. Доккха дика хьоьхуш детталора дог. Йуьхь-куьг дилина, ирахь лаьттачохь булкица кефир а йиъна, чуьра арайелира Нурседа. НеI а тоьхна, гIаттийра сатоссуш бен дIавижна а воцу ши ваша. Кериман шофер, гергарчаьргахь буьйса а йаьккхина, исс долуш схьа ма-кхеччи, цуьнца «газик» тIехь Увайс гIале хьажа а вахийтина, Кериммий, Нурседий шайн гIуллакхашка хьовса араделира.

Сени чохь, цIеххьана цхьаъ-м дагадеанчух цхьаьий сецира и шиъ вовшашна дуьхь-дуьхьал, вовшийн бIаьра а хьоьжуш, дист ца хуьлуш, масех секундехь ойлане а дахана. Ший а кхийтира вовшийн даг чохь долчунах:

– Сан ваша! – Кериман белша тIе куьг диллира Нурседас.

– Хьо бакъ лоь: коьртаниг хIинца церан ирс ду, – элира Керима а. Иштта юхаийцира цушимма шаьш дукха хан йоццуш шаьшшиннех лаьцна къайлаха бина сацам…

Хьалха Совмине накъост Элдаровна тIе дахара и шиъ. Элдаровс, тахана тIеоьцу де дацахь а, шега секретаро ма-элли, чубитира хьеший. ДегI нисдеш хьалагIаьттина, маршалла хоттуш, тIекарваьлла Элдаровс дерриг а церан дехарш кхочушдина, мел оьшучу а – СМУ-га, Чечингстройга, Главснабе – ша телефон а туьйхира.

Вукху дийнахь Эскиной боьдучу новкъахула хьалатаьIира, интернатана мел оьшу шифер а, мебель а, кхиболу гIиpc а, тIе, инженерийн бригада а эцна йоьду, киракхоьхьу кхо машен. Царна тIаьххье, церан ченех ларлуш, цхьа километр тIаьхьа а соьцуш, йогIура тхов боцу газик, тIехь Нурседий, Кериммий, Увайссий долуш. Стомара дуьйна вовшашца къамелаш дукха хиларна а, гIали йуккъехула лелла гIелбаларна а, вовшашка бист ца хуьлуш, татанза богIура уьш, xIop а шен-шен ойлано дIалаьцна.

Увайс ца Iебаш хьоьжура ганза ткъех гергга шо долчу аренашка. Мосазза дог диллинера цо: окопашкахь тIе бомбанаш оьгучу муьрехь; букъах тоьпан бух а бетташ, фашисташа шаьш Бухенвальдехь дахкош а… тIаьхьа сенчу Сибирехь а… Мосазза дог диллийтира, кхин гур бац-кх даймохк, маршо, гергарнаш аьлла!

Ткъа хIинца уггар гергарчарна йуккъе а хиъна, кIедачу машенахь цкъа а гур йац моьттинчу винчу аренашкахула вогIура. Гонахарчу Iаламе цаIабарца ша дIасахьоьжуш. «Вайн дахарехь, мел даккхий вуонаш гахь а, диканах догдилла мегар дац цкъа а», – ойла хилира цуьнан. Малхехь къегаш, дуьхьал уьдучу асфальтан асанца йухауьду сийна бошмаш, кIайн шиферш тоьхна керла цIенош, меллаша тIехтуьлу генарчу лаьмнийн раьгIнаш – массо а хIума тамаше, Увайсан бIаьрг цецбоккхуш дара.

Гергарчу аьрцнийн басешкара олхазарийн гlap а, хинан гIовгIанца иэелла, схьайеттара. ХIинцца зазадаьккхинчу зезагийн а, хьаннийн а хьожанаша, маццах цкъа санна, йуха a бaxийpa Увайсан корта.

Лаьмнех чудулуш, вовшашна тIаьхьа кхиъна киралелон машенаш, Эскинойхьа боьдучу новкъа йевлира, газик хьалха а йолуьйтуш… Тоххара ша Селитица къаьсттинчу боьранах генара бIаьрг кхетча Увайс, дог кийрахь кхоссалуш, тохавелира ша Iаччохь: цигахь хIетахь сеццинчуьра шен жималла йуха хIинца дIайолалуш санна, хийтира цунна.

Эскинойн аренех чувоьлчхьана мел гучу дитто, тархо, бердо хIинца дуьйна ма-ярра Селита дагайоуьйтора, хIораммо а цуьнан цхьацца битам карлабоккхуш. ТIаьххьара а Селитин амат дерриг а кхуьнан даг чохь дендира гондIарачу Iаламо.

Амма и дара хIетахьлера амат! «ХIинца муха йу-те и? Муьлхачу aгIop хийцаелла-те и? Гур йу-кх суна и хIинща!» – халла садеттара Увайса.

Кхеран машенаш Яьсси-хи тIе кхаьчча, райцентре чу ца хьевзаш, тIех а йевлла, Эскинойхьа чуйирзира. Увайсана йевзира маццах Iай, школина цкъа дечиг дохьуш, шайн трактор йоьхна меттиг. ХIинцца кхузахула тиллина доккха тIай дара. ХIорш, цунах а бевлла, йуьрта чу буьйлира жагIа боьхкинчу шуьйрачу новкъахула. Электросерлон телаш кхоьхьу бIогIамаш кхарна сихха тIехлелхара.

Машенаш йоггIушехь школин керта йаьхкира.

* * *

ХIинцца йолайеллачу урокера Селита, корехула цкъа ара а хьаьжна, йуха а дIайирзира, урок чекхйаллалц, гIалитIера йухабаьхкина, шена цига, хIунда бахана хуу Кериммий, Нурседий, цу шимма балийна инженераш а байна. Наха го а бина лаьтта Увайс а, царех цхьаъ ву а моьттина, кхин тидам ца беш, витира цо. Керим шен газика тIехь, царех цхьа инженер а эцна, райцентре вахара, цхьана гIуллакхана. Нурседа сихха школа чу йахара, урок чекхйоллуш Увайсе дIакхайкха дагахь.

Увайс кертахула дIасахьоьжура. Школин кертарчу хийцамаша бIаьрг тIеуьйзура Увайсан: керла корпус а товш хетара; йоьттина йаьлла мехкарийн интернат а шифер тIейилличахьана йолура. Урок чекхйолу хан хиллалц, иза школин кертахула волавелира. Ша вевзина, шега хьоьжуш санна хетара, тIамарш а йаржийна лаьтта «Дада-бIар». «Хьо мила ву?» – хоьттура къоначу дитташа! ХIоккхузахь схьалецира цо Селитин коьртара мохо дадийна йовлакх… Эццигахь бихкира Селитас кхуьнан пIелг… Кху кертахь хезира дуьххьара цу тIеман буьрса хаамаш! Кхузахь кхиънера кхеран дог-ойла a. XIapa беш а йара кхеран синойн беш! Кхузара дIаболабелира кхеран доккхачу дуьнене боьду некъ. ХIинца, вахаран муттах Iаьбба, шен дахаран цхьа боккха го чекхбаьккхина, йуха а кху керта схьакхечи…

Амма дог хIинца а ца тешара Селита хIоккхузахь, йуххехь хиларх а, баккъала гур йу бохучух а. Нурседас Увайсе чукхайкха дешархо ваийтира. Увайс детталучу дагца чоьхьаволавелира: «Баккъал гур йу-те и хIинца? Муха карор йу-те и?.. Со а… хIинца муха хетар-те цунна?»

Кхарна вовшийн дуьххьара гар нахана йуккъехь ца хилийта а, Селитина и вевзийла хьажа а, Нурседас Селитин кабинета чу кхайкхийтира Увайсе, шаьшшиъ цу чохь а йолуш.

– ХIинца вайга дукха хенахь дуьйна ганза цхьа хьаша вогIу-кх, Селита! – элира Нурседас.

Селитин дог тохаделира.

НеI а тоьхна, чоьхьавелира Увайс.

Селитин шуьйра диллина бIаьргаш цеце тIедогIаделира цунна. Селита цкъа йухахилира, шен бIаьргех ца тешаш, тIаккха цIеххьана дог кIадделла, ша йолччохь диван тIе охьайахара иза:

– Увайс… – боху цхьа дош а олуш.

Чехкка неIаран зайл дIа а боьллина, Нурседас хица дашийна гата Селитин логах а, бIаьштигех a, 6Iaьpгex а хьаькхира. Ша диначунна дохкойаьлла: «Iовдал со йаI!», – эккхийтира Нурседас.

Воьхна хьаьвзира Увайс:

– Селита! Селита!.. – кхойкхура цо.

Доккха са а даьккхина, сихха меттайеара Селита.

– Сан Селита!

– Марша вогIийла, Увайс! – диттийн IиндагIехь лепа шовда санна, гIийлла самукъане йелакъежара Селита. И шиъ мараиккхира Нурседа а йолччохь. Амма оцу мараэккхарца хIун дара, йиш-вошаллин гергарло, йа берахьлерачу безаман цIеналла?.. Йа деххачу шерашкахь вовшашка тийсинчу синойн хьагар?.. – ца къасталора Нурседига.

Селитина дуьхьал гIанта охьахиира Увайс. Тамаше хийтира цунна: тоххарлерачу Селитех йоьзна хилла хIуманаш хIинцца схьавогIуш йуха гаро, мелхо а, дикахо дагадоуьйтура йоьIан хIетахьлера амат, ма-дарра и меттахIоттош, хIинца и ша гучул. Ia-ш, йуьхьанца жим-жимма, тIаккха сихха тохарлеррачух дуьззина йуха дIатарделира Селитин амат. Оццул вовшех хьегна доллушехь, эхь а хетара вовшашка лерана хьежа, ткъа ца хьаьжча а ца Iалора. Тохара санна къона йацахь а, оццул хан йаьллашехь, и кIезиг хийцайелча санна хийтира цунна: «Ас лайнарг а ца лайна», – дагадеара. Селитин хIинцца хебаршка эха доьлла бIаьргийн гонаш а, косынки кIелдIахула, хьаргIанан тIам санна, Iаьржачу месашлахь наг-наггахь, детийн хьесех тера, лепа кIайн чоьш а товш, цуьнан васт кхолуш, кIоргачу маьIне хийтира Увайсана.

Селитин собаре Iаьржа бIаьргаш, хьалха санна, цхьана эшшарехь лепара, шайн кIоргехь догучуьнан дуьхье цхьа а кхиа йиш йоцуш, ткъа Селитина Увайсан амато кIезиг дагавоуьйтура мацахлера Увайс: цуьнан йуьхь хIинца, шен къона аматаш дайна, чевнийн моьнаша а, къежваларо а хийцинера, аз а, бага тоьхначу кIайчу цергаша, кхечу aгIop доькуьйтура, амма цуьнан дIахIоттаран а, Iеран а кеп, куьйгаш лелор а – хIетахьлерраниг дара.

«XIapa ву-кх суна сел кIоргера везнарг, оццул ас сатийсинарг», – бохура Селитин даго: Увайсан хIинцалера амат тохарлера Увайсах хIинца а дIа ца уьйра. Делахь а… Селитина дерриг дуьне хIинццалц схьа дицдинарг и Iийриг-м вара!

Ойланан ницкъаца жималла йухайерзийна, йукъайоьлла хан а ца лоьруш, хIетахь диссинчуьра дIабахьа лаьара Селитина шайн безам, амма и дан ницкъ ца кхочура: йукъайоьлла хан нуьцкъала йара.

– Селита, хьайн дош кхочушди ахь! – элира Увайса, серлаваьлла.

– Ахь, ткъа?.. Зуда йалийна-м вац хьо? – забаре хаьттира.

– Дера вац, Селита… Делахь а, оьздангаллица хьоьга ца кхачало цхьа а! Ахь со вицвинехь а, бехк ца биллал, даккхий хIуманаш дара шуна тIехIиттинарш. Бакъду, Селита, ас лайнарш хьуна хиъча, цу тIехь хьо соьга-м нислур йацара!

– ДIадевлларш дитахьа! Алахьа, йезий хьуна со хIинца а… йа дош кхочушдархьама воллу хьо?.. – хаьттира майрайаьллачу Селитас.

– Дуьнен чохь мел долчул чIогIа!.. Хьажал!..– аьлла, кителан хьалхарчу киснара схьадаьккхина, мацах Селитас шен пIелг дIабихкина, йовлакх схьауьйхьира Увайса.

– Хьажахьа! ОстопираллахI! – делира Нурседега…

ТIаккха, шен кофтин киснара, блокнота йуккъера схьаэцна, дакъаделла, басадаьлла петIамат-зезаг гайтира, йист а ца хуьлуш, Селитас!

– ОстопираллахI! – йуха а цецйелира Нурседа. – Ма доккха хIума ду-кх: цкъа а соьга ца гайтинера-кх ахь иза, Селита!

 

– Селита, алал хIинца ахьа: реза йуй хьо?.. – къовзийна-а хаьттира Увайса, чевнаша шен эрчаваккхар дагалаьцна.

– Дера йу! – цуьнан ойланах кхийтира Селита, – суна хьан йуьхьал а чIогIа дезарг хьан са ду!

Цара эццигахь барт бира, Нурседа теш а йолуш, Увайс цIа варна шолгIачу майхь Керима школин кертахь дан дагалаьцна долу ловзар, кху шиннан цхьаьнакхетар дIадерзош а, хилийта. Цкъачунна Увайс дIанисвира школехь тохара кхеран хиллачу цIа чохь.

* * *

Цу сахьта йуьртахула чекхделира Увайс цIаварх хабар. Дукха нах: кегийрхой а, нийсарой а таттабелира школин керта. Массара а – вевзачара а, хезначара а, – маравуьхкура Увайс. Эххар а, войдаьллачу накхарша санна, школин кертахь гIар латтийна Увайс волчу баьхкинарш, дIасабекъабелира, цуьнга шайгий-шайгий хьошалгIа а кхайкхина.

Увайс Тавсолтина дуьхьалхIоьттира, цуьнан цIа а вахна.

– Марша-могуш хуьлда хьо, Тавсолта. Со Увайс ву…

– ЭлхьамдуьлиллахI! Марша вогIийла хьо, Увайс! – Тавсолтина а хезнера и цIавеъна бохург. – Далла хастам бу хьо цIа веъна! – воккхачу стага маравоьллира иза, тIаккха вист ца хуьлуш лаьттира ший а. Тавсолта лаьттан бIаьра хьоьжура: цунна дагавеара Дауд: «Делахь а, дан хIума дац-кх Делан кхелана», – гора Увайсана цуьнан йуьхьа тIехь.

Тийна хьоьжура Увайс, дагахь цунах эхь а хеташ: «Со вийна а волуш, хьан кIант велара цIа веъна», – хийтира Увайсана.

Увайсана дика гора Тавсолтин къанвалар: маж-мекх кIайделлера, логан шина а агIорхула охьадогIура хебарийн кIорггера хершнаш. Къежделла цIоцкъамаш, къухах тера схьагIоьртинера кIайчу хьаьжа тIера. Амма царна кIелхьара хьоьжу бIаьргаш, тIехула тесначу овкъарх чекх суйнаш а туьйсуш, йогу цIе санна, хIинца а нуьцкъала лепара.

– Дика ду цIа веъна… ТIаккхахула а гур… Вало, хьайн гIуллакхашка хьажа, – аьлла, Увайс дIавахийтира Тавсолтас, цхьацца хеттарш ша дина ваьлча.

ТАВСОЛТА ДIАВОЬДУ…

ШозлагIчу Iуьйранна Тавсолта волчу чухIоьттира Нурседа. И шиъ вовшашка дист хуьлуш дара хIинца.

– Дада! Вайн йуккъе лела сов нах а бац. Ваьш дисина вай. Ахь бехк ма билла. Вешан гIуллакх вай къасточохь, схьагарехь, оьшуш а бац хийра нах. Цундела, ахь пурба лахь, хьох дагайала цхьа гIуллакх дара-кх сан хIинца, – шен коьртара йовлакх кхин а тодира Нурседас.

– ТIаккха!

– Тхуна ма-хаъара, xIapa йерриг йурт а теш йолуш, беран хенахь дуьйна вовшашка хьежна, вовшашна хан а йуьллуш, къаьстина ду Селитий, Увайссий. ХIинца Увайсан тамаше цIавар хилла. Селита цуьнга йаха реза йу. Увайсана а и лаьа… Хьоь пурба доьху! – тIетуьйхира Нурседас, ма-хуьллу деца дерг маслаIате чекхдолийла лууш.

Вуьшта заманчохь Тавсолтина гергахь оьзда дацара йоI лулахошка, йа вешин накъосте маре йалар!

Бакъдолуш, хьалха Тавсолтас и аьттехьа а дуьтур дацара. Амма хIинца, массарна а хууш, цара мел лайначо а и захало маьрша доккхура. Массара а бехк а буьллур бара хIинца Тавсолта дуьхьалваьлча, иза адамалла ца хетта. Цхьана йукъана корта оллийна, бIаьргнегIарш дийшийна, ойла йеш а Iийна, кIедо хьалахьаьжира и Нурседега:

– Дика ду. Пурба ло ас.

Нурседас меллаша доккха садаьккхира: «Цхьаъ-м чекхделира».

ТIаккха, оцунах догйовха хиллачу Нурседас, кIеззиг хан а йалийтина, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, шех тера доцчу, эхь хетарца ийзалуш, къадийра дега:

– Дада, кхин а ду къасто дезаш цхьа гIуллакх: и ловзар… комсомольски куьцехь дан лууш ду тхо…

Тавсолта ша лаьттачохь вогIавелира, цIоцкъамаш хьалатосуш.

– Иза мегар дац! – дагарца санна, хадийра цо. – Со велчхьана лелар ду шу… и шайн жIаьлийн ловзарш а хIиттош… ХIун тоьла и вайн нохчийн ловзарал!.. Эзар шерашкахь дуьйна схьадогIу шен къоман Iадаташ ца дохош ша валийтар тоьлу! Вахарал а, дуьненал а деза ду эхь-бехккий, оьздангаллий!..

– Дада! Шемалан заманахь а ма ца лийрина и хIуманаш хIинца ахь санна чIогIа.

– Сацийт!.. Соьца и дуьйцу а йацара хьо… Кхин зама йелахьара, со ладоьгIуш а Iийр вацара!.. Со цкъа нахала ваьккхира аш… Кхин ас могуьйтур дац!

Нурседа, ара а йаьлла, дIайахара…

* * *

ШозлагIчу майхь, Iуьйранна дуьйна, школин кертахь ловзарна кечам бара беш: гIанташ дIасанисдеш, стоьлаш хIиттош, уьйтIа нуй хьоькхуш, керта тIехула шина бIогIамах электролампанаш туьйсуш бохкура кегийрхой. Цхьаберш хIинцале пхьаьрсех цIен цуьргаш а дихкина бара. Долалушшехь, де довха, cирлa деанера. Тавсолта, шайн чуьра ара а ваьлла, тIоьрмиг цхьана белшах, шен цхьалго-топ вукху белшах а кхозуш, меллаша школин керта хьалхахула, кех чу а ца хьоьжуш, церан тидам ца хуьлуш, дIавахара арцехьа талла. ЦIа веачхьана наг-наггахь воьдура иза цигахьа: Борзиг кхин цкъа а дуьхьалкхетар дацара-техьа бохург а дара дагахь, хьесапо иза, дIайаьллачу хене хьаьжча, йуххе а ца дуьттушехь.

Тавсолтина, ша тIехволуш, гу тIехь школин керта а хьоьжуш, вовшашка луьйш лаьтташ ши йуьртахо хаавелира:

– Комсомольски ловзар ду моьтту суна… йуха а кечдеш, – эккхийтира цхьаммо.

– Амма и хIинца-м баккхийчарна кечдо ма боху, – элира вукхо. Тавсолта а гина, сецира ший а.

«Хир дац!.. Хир дац!» – шен дагахь аьлла, Тавсолта школехьа вухавирзира.

ХIинца, школин кетIа ша нисвелча, ца соцуш цкъа тIехвала ойла хилира цуьнан, и бакъ карадахь шега лалур дац аьлла. ТIаккха а, Iе ца велла, соцунгIа а хилла, керта хьаьжира иза: хезначул а сов карийра къаьхьачу бакъдолчун билгалонаш! Йерриг керт, кхунна ма-хаззара, тохара санна, ловзарна дика кечйинера, тIе, «Дада-бIара» кIел, хецца, цхьаннах а ца ийзалуш, коьрта-Iуьйра йух-йуххехь лаьттара Нурседий, Кериммий, гIанта тIехь дуьхь-дуьхьал Iара Увайссий, Селитий. Коьрта чу ов тоьхча санна, шен собар довш а хетта, шегара цхьаъ далале, уьш ца гинчуха дIаволавелира Тавсолта. Цу сохьта кхунна тIехволуш нисвеллачу кхуьнан йуьртахочо Ахьмас, салам а ца луш, цаьргахьа а хьаьжна, лаьтта туьйнаш туьйхира.

– Делан неIалт хуьлда шуна! Шайна могуьйту дела лела-кх шу, – аьлла.

Тавсолтин мочхалш ваьшта дахара, бIаьргашна дуьхьал бода хIоьттира, синкхетам кхолош. Ша волччохь вогIавелира и. Шен карара топ цкъа хьайира цо.

– ХIан-хIа… Харц ву хьо! Заманца вагIац хьо!.. Эхь дац ахь лелориг! Хьо-х цу берийн да ву! – элира цигахь тIехволуш нисвеллачу кхечу воккхачу стага.

– Хаьий хьуна, – кица а далийра цо. – Йуьртаца къийсинарг – йуьртах ваьлла, заманца къийсинарг – коьртах ваьлла…

Тавсолта, вист а ца хуьлуш, дIаволавелира. Школин кетIарчу бIогIамах кхозучу радио-кедо нохчийн маттахь схьахоуьйтура: «ТIаьххьарчу шарахь вайн йуьртахь хьаьжкIийн меттана томка деран гIуллакх йукъадаккхаро колхозхошна хуьлу са шозза совйаьккхина»… Корта а ластийна, лаьттах туьйнаш тухуш, ког сихбира Тавсолтас. И дIавоьдура йуьртах болучу новкъа… Шен дагахь вуха а ца ван… Грозный-гIалахьа… Цигара гIалмакхойн махка…

БIаьстенан цIенчу стиглара комаьршша чуIенара маьлхан зIаьнарш. Гонахара башлаьмнаш, массо а басаца шайн баххьаш догуш, синтеме схьахьоьжура.

Школин кертарчу бIогIамах боллучу радио-кедара хIинца схьайекара Арам Хачатурянан музыка: «Таррашца хелхавалар» йевзира и Нурседина. Иза цуьнга ладегIа йелира. Цуьнан мукъамца цунна гуттара а дуьхьалтосура цхьана аьрха дIауьдучу ирсана, йукъ тIеттIа йацйеш, синкъераме тIаьхьауьдучу беречун сурт…

КетIахь ловзарна кечамбечех волчу цхьана комсомольце тIекхайкхина хаьттира Нурседас:

– Муьлш бара кертал дехьа, лаьттина, дIабаханарш?..

– Цхьа ши стаг а вара, шун да а вара… Тавсолта… Керта чоьхьа а хьаьжжа, оьгIазвахна дIавахара… Хьуьлла воьду, тIаьхьа пIелг хьажийра цо.

Геннахь хIинца а дай телхара, тIаьхь-тIаьхьа жимлуш доьду Тавсолтин IиндагI. ТIаьххьара а, юьртах болу некъ гуна тIехьа боьрззучохь, къайлавелира Тавсолта.

– ВухавогIур вара и-м… Талла вахана хир ву, – элира Керима…

Йуьртал ара а ваьлла, ша хьуьнан йисте кхаьчча, цунна тIехула схьагучу, ЧIап-ломах бIаьрг туьйхира Тавсолтас, соцунгIа а хилла, шен дагахь цуьнан Iодика йечух тера. Ша кхузара даим а дIавоьдий-те аьлла, ойла хиллачу Тавсолтина шен беллачийн кешнашна тIе хIотта а лиира. Уьш хьуьнан дехьа йистехь дохкура. Аьрру агIор чувирзина, гIашлойн некъахула Тавсолта хьуьн чу тилира. Цигашхула раз дIасаоьхучу некъашлахь, тоххара шена дуьххьара Борзиг дуьхьалкхеттачу, ирзонехьа боьдучу новкъа велира Тавсолта: кешнаш а ирзона тIехьа дара. Ког сихбинна вогIура Тавсолта: малх дIабузале юха хьуьнхара аравала кхиан а везара. Хьун луьстта сенъеллера хIинцале а. Маьлхан зIаьнарш халла чекхйовлура дуькъачу гаьннашна юккъехула. Стохка гурахь дуьйна охьаэгна гIаш, хIинца а цхьаццанхьа, мохо дахьаза, Iохку, когашна кIел кIедо хаалора лаьтта чутаьIначохь. Олхазарш дека хезара маьI-маьIIера.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28 
Рейтинг@Mail.ru