Тавсолта, хьуьнан некъахула хьийзаш схьавогIуш, малх а эххар дIабуза а керчина, хIинца хьуьн чохь кхоьлина хетара. Тавсолта кхин а ког сихбина вогIура. Эххар, охьаэгначу гIашна кIел хаалучу тIуьначохь Тавсолта, ког а шершина, горавуьйжира. Хьалхатесна ши куьг гIашна йуккъехула кIедачу тIуьначу хоттах дахара. Цхьана куьйга кIел цхьа шийла эчиг хаайелира Тавсолтина. Цигахьа эгна Iохку гIаш гIожаца дIаса а хилийна, хьаьжча, Тавсолтина гира: йахкайелла йистина цIока… Гаржделлачу мочхалшна тIехь лепа кIайн кIомсарш… Йоьза хIоз!..
Схьаэцна, гIаш тIехьаькхна, цIан а бина, караийцира цо иза – и бара! Дисина гIаш лерина гIажца дIахилийна йуха а цIокане хьаьжира: дуккханхьа а кенех йаьлла цIока, – Тавсолтин бIаьрг оцунах цу сохьта кхуьуш, – барзо шен кIомсаршца цистина, тIелхагйаьккхинера. Тавсолта кхийтира: хIоккхузахь берзан багахь далар хиллера къанделлачу Борзиган.
ДIасахьаьжира Тавсолта: гонаха гуш-хезаш кхин хIума доцуш, хIокхо ша меттахйаьккхина тIуналлин матаран хьожа йоцург, шина кога тIе лах а велла, йоьза хIоз а карахь, цуьнга а хьоьжуш, ойлане вахара Тавсолта: оцунах доьзна кху тIаьххьарчу ткъех шарахь мел хилларг а юха дагадеара: луларчу юьртара жима кIеза четахь ша схьадар а… Доккха хилча цо цIехьа лихкина шайн дирша етт а… Шайн керт а… Нурбика а… Дауд а… Дерриш а… кху таханлерчу дийне кхаччалц!..
Шина а агIор беснешна тIехула охьабеъна хин ши тIадам мекхашлахь байра… «ХIинца малх бузуш а лаьтта, сихо йан йеза», – аьлла, дагатесна Тавсолта хьалаайалушшехь цуьнан белшаш тIе, кхоссайелла, цхьа хIума хиира: «Борз!».. – цу сохьта дог кхиира Тавсолтин. Шен гIори-гIоддаха иза охьакхоьссина, борз йухаэккхашехь цунна топ йалийта кхиира иза, тоьпан тата генна хьуьнчухула дIадоьдуш. Амма хIокхо топ йуха йулале, иза хьакхалуш кхетта, борз кхин а чIогIа дарйелла, шен кIомсарш а лепош, йуха а чухьаьдира Тавсолтина. Кхин дан хIума а ца хилла, Тавсолтас доггах ластийна тоьпан бух туьйхира барзана, цуьнан букъах а кхеташ. Борз дIаиккхира. Тоьпан бух кагбелла генна дIабахара. Борз йуха а чухьаьдира. Таллархочун мокха баттара а даьккхина, Тавсолта барзах тасавелира.
Хьалакхоссайеллачу барзо, Тавсолтин некха тIе кхетта, аркъал туьйхира и, шен кIомсарш, бедарех чекх цуьнан дегIах йохуьйтуш. Тавсолтас, бухара хьала лесто урс, цкъа берзан гIoгIax, тIаккха гех дахара. ТIаккха а, дIайала ца туьгуш, борз Тавсолтин белшах тасайелира ирачу кIомсаршца. ХIинца карара урс а охьадоьжначу Тавсолтас, кхин дан хIума шен ца диснийла хууш, берриг а шен бисинчу тIаьххьарчу ницкъаца, схьалаьцна, берзан лаг Iаьвдира. Карара дIа а ца хоьцуш, иштта дехха, ша Iаьвддинчохь латтийра цо иза, верриг а цунна тIевазвелла берзан дегI малделлачул тIаьхьа а…
Эххар а, ша а гIелвелла, и дIахийцира цо. Йелла борз йуххехь а Iуьллуш, Тавсолта хIинца ша а, гIорасиз хилла, ша волччохь лаьттахь аркъал ваьржира, шен дегIах цхьаццанхьахула цIийш охьаоьху а хаалуш. Цкъа охьахаа гIоьртира Тавсолта, шен чевнаш дIайехка дагахь. Охьа ца хаавелира –гIopa дацара. Йуха а аркъалваьржира: «Хьажахь.., – цIеххьана дагатесира цунна, – таханалера xIapa де сан хан кхаьчна, сан ле де хилла-кх… Кхузахь йаздина хилла-кх сан валар…» Цунах кхетта, къера хилла, амма ца вухуш, цец а ца волуш, шен ойланехь Iожаллина кIелсецира Тавсолта: «Йо, Дела! Гечде ахь суна, хьайн дуьнен чохь со вахарна! Ахь кхоьллина дела, ахь йеллачу бакъонца ваьхна-кх со!.. Амма со ледара хиларна – гечде ахь, йо Дела!» – ша-шена доIа дира Тавсолтас. ТIаккха дагахь йеса дийшира… ЦIий меллаша дIаоьхура, цунна хаалуш, оцуьнца цхьаний дегIepa тIаьххьара гIора а лекъаш лаьттара. ДегI тIеттIа маллуш догIура, амма кхетаман хьесапо, мелхо а, цIена а, кхин а сиха а дуьхьалтуьйсура Тавсолтина дIадаханчу, хIинца чекхдолуш лаьттачу дахарехь мел хилла дерш.
ЦIеххьана дагадеара Казахстанехь, ша барзана таллар, ша иза къиза йер: «Дала чIир йоцуш хIумма а ша дуьтур дац аьлла», – дагатесира цунна. Йха а: «Цунах яхнарг-м Делан чIир ма яра: цо говра ма цистира къиза»… «ХIа-а!» – юха дагатесира цунна ша хIетахь берзан тоьли чу кховдийначу шен куьйгана берзан кIезано, сакъерделла, бовха мотт хьакхар… «Уьш-м… эрна яйира… И дан-м ца оьшура», – дагатесира цунна. «Ткъа со-м сайн йоIана а топ тоха дагахь а вара… ХIунда?..» – дуьхьалтесира цунна школин кертахь, шайн ловзарна кечам беш, коьртаIуьйра, дела а къежаш, Керимца лаьтта Селитий, Нурседий… «Иза а Делан кхел йу… Со нийса вац… Амма»… – цуьнан лерехь йуха дийкира радиокедара дешнаш: «…Вайн йуьртахь, хьаьжкIийн меттана томка деро колхозхошна хIор шарахь хуьлу са шозза а сов йаьккхина»… –Тавсолтин йуьхь хебаршка йахара, цхьа боьха хьожа мере кхаьчча санна… «ХIан-хIа! Дин дехкар дика дац: дин доцчохь эхь-бехк а хир дац», – сацийра цо шен йовш лаьттачу тIаьххьарчу ойланехь. ДегIера са меллаша дIадоьдуш лаьттара, цунна шена а хаалуш.
Малх дIа а буьзна, маьркIаже хилира, хьуьн чохь бода хIоьттира. ХIинца цхьацца бIарлагIаш дуьхьалтийса йуьйлира Тавсолтина: хин йистехь кIудал карахь лаьтташ къона Нурбика йайра… Йуха – ша кхиийна бIаьстенан беш… ТIаккха, тIаме воьдучу дийнахь, шена хьалха лаьтта Дауд… Тавсолтина хаьара уьш бIарлагIаш юйла, амма хIетте а уьш яхлахьара аьлла хетара цунна шен даг чохь.
Эххар хьуьнан бодашкахь цхьа къора yгIap хезира. Тавсолтин кхетам йуха а самабелира:
– Борз!.. Йеллачуьнан накъост! Схьакхечи хIинца сан Iожалла!.. Сан тIаьххьара сахьт! – цо шен логах дохку ветанаш дIадехира, лаг дерзина доккхуш: дуьхьало ян ницкъ хир боций хаьара – сихха валар гIоле хетара. Борз гена йоццуш yгIyра – къорра, аз дахдина. ТIе ца йогIура… «ХIунда хьело-те?» – сагатдора Тавсолтас, гIуллакх сихха чекхдолийла лууш. Амма борз угIура – дIа а ца йоьдура, тIе а ца йогIура:
– Сихха тIееъна йалахьара! – аьлла, хийтира гIелвеллачу, сагатдан а кIордийначу Тавсолтина. Бода букъбелира. БIаьргашна хьалха, кхин а буькъа бода хIуьттура Тавсолтина: кхетам бовш лаьттара, бIарлагIаш севцира, эххар борз а сецира угIучуьра. ТIаьххьара цуьнан кхетам бовш, цо бIаьргаш хьабдале, цхьа тамаше адамийн гIовгIанаш хезира лерехь, йуххехь, тIеттIа алсамйуьйлуш: «Йуха а бIарлагIаш»… – дагатесира Тавсолтина: бIаьргашна хьалхха къегира цIеххьана, малх санна, цхьа серло… Панар карахь Керим… Йоьлху Селита… йоьхна Нурседа… Увайс… Кхин а нах… Увайсана тIехь сецира Тавсолтин бIаьрг:
– Дауд вуй шуьца?.. – дара тIаьххьара цуьнан хаттар…
САН ДОIАНАШ
Сайн сица, йуьхьанца
Хьоьгахьа вирзина,
Йерриге ойланца
Хьуна тӀевирзина, (*)
Меттан ницкъ берриг а
Сайн дагца гулбина,
Йо, Дела, со Хьоьга
Доьхуш ву тахана:
Дикачу ойланех
Бузалахь сан корта,
Уьш толош, аьтто а
Ахь белахь сан шорта.
Адам хьайн серлоне
Дуьгучу цу новкъахь
Оьшучохь хьайн гӀоьнча,
Доьху, сох Ахь велахь!
Гайталахь сан дика
Адамийн долахь,
Адамийн дика дерг а
Ган таро лолахь.
Хьекъал а, дог а сан
Хьайца дай бертахь,
Йо, Дела, вигалахь
Хьайн дикачу новкъа со.
2
Йо, Дела! Бакъ воцчохь
Бакъ ву а моьттуш,
Харц луьйш а хуьлу стаг,
Тола а гӀерташ,
Цундела, йо, Дела,
Ас доьху хьоьга,
Нийсонца бакъдолчух
Со кхетавелахь,
Ткъа кхета ца лучохь
Со сацавелахь!
Бакъдериг къастадан
БӀаьргийн нур лолахь,
Харцдериг эшадан
Куьйга тур лолахь!
Уьш вовшах летачохь,
Харцдерг а эшош
Сан кайалийталахь,
Толамах тешош.
(1942 – 26 октябрь, Итон-Кхаьлла)
3
Хилла а доццушехь
Дуьнен чу тхо даьккхинарг,
Паналлин боданехь
Маьлхан нур латийнарг,
Стигланаш шорйина
Латтанаш гатдина,
Дуьне ахь кхолларна тхуна!
Хастам бо ас хьуна
Дика ахь кхолларна,
И къасто ахь тхуна
Вондерг а гайтарна,
Ӏожалла дахаран
Дуьхьа ахь йаларна,
Дахар а хьайх ойла
Йайта ахь даларна,
Хьайн дуьне гайтарна тхуна,
Хастам бо, хастам бо Хьуна!
Хьайн нуьран неӀарш
Ахь тхуна йелларна,
Хьайна тӀе боьду некъ
Тхан дагна белларна –
Хастам бо, йо, Дела, Хьуна!
Хьайн йухь ган йиш йоцург,
Цхьанххьа а йист йоцург
Къайленех Хьайн кхиа
Адамийн ницкъ боцург,
Хастам бо, йо, Дела, Хьуна,
Тхо бӀаьрзе ца дуьтуш,
Бода тхох дӀатоттуш,
Хьайн ойла йаларна тхуна!
Даима вехаш верг,
Дуьне хьайн карахь дерг,
Йо, Дела, Хьоь дехац тахна:
Ӏожалла цайовзар,
Баланаш цабовзар –
Ахь сайна лахьара аьлла.
Лехац ас, дехац ас
Даима вахийтар,
Йа дахар нехачул
Сайн деха хилийтар,
Дехац ас къахьонаш
Цагайтар сайна:
Луо Ахьа халонаш
Ма-оьшшу Хьайна!
Амма со, йо, Дела,
Хьастало Хьуна:
Иманца уьш лан а
Ницкъ лолахь суна!
Ткъа Айхьа со зуьйш а
Ӏазапан хьолахь,
И Ӏазап со динехь
ТӀечӀагӀвеш лолахь!
Лаахь со, йо, Дела,
Хеназа виэлахь,
Амма сан цхьа дехар,
Доьху ас, делахь:
Йо, Дела, хьайн декхарш
Ас кхочушдаллалц,
Сан вахар дуьнен чохь
Ма хададелахь –
Ахь суна, вешшехь тӀе –
Дехкина декхарш –
Сан даг чохь даима
Седанех сиэгарш!
Паналлин шораллехь
Хьайн доза доцург!
Ӏаламан кӀоргаллехь
Хьайн бух а боцург!
Стигланехь тхов боцург,
Заманехь йист йоцург,
Дерриге дуьненан
Хьуо цхьа бен да воцург,
Хьуо векъа цхьаннен а
Ницкъ хир боцург!
Дуьнен чохь дерриг
Хьайна чулоцург!
Чот йоцу кескаш йеш
Ахь дуьне декъна,
Адамийн ницкъаш а
Бес-бесар бекъна.
Уьш вовшех летабеш,
Царах цхьа уьйриг беш,
Ахь дуьне хьийзадо,
Кхехкадеш йайха,
Цу тӀамах дахаран
Кхерч бина Айхьа.
Дехац ас цу тӀамах
Суо ваккха аьлла,
Йа хьалххехь – тоьллачех
Вахьара аьлла!
Йо, Дела! Со эшахь,
Кхоа ма велахь,
Цу тӀеман кӀуркӀмане
ДӀахӀоттавелахь!
Амма сан цхьа дехар
Ахь кхочушделахь:
Сан валар цу тӀамехь,
Цу къизчу къовсамехь,
Ахь къобалбиначийн
МогӀарехь делахь!
(1948 – 2 июль, Гродеково, Каз. ССР)
4
ЦӀеналлехь син куьзга лардар
Йо, Дела, Ахь тхуна хьоьху. (*)
Делахь а дахаран ворда
Тхан къинойн чкъурган тӀехь йогӀу…
Йо, Дела, ас хьоьга доьху:
Къа доцуш вахар ца тарлахь,
Хьайна тӀе ца кхачош боьха,
Къа такха йиш, мукъна, лолахь.
(1965 – 9 июль)
(*) «Орга» журнала тӀехь «тхоьга доьху» ду. Вайн кхетамца иза гIалат ду. Цундела, редактора нисйеш, «тхуна хьоьху» йаздина. И.М.)
5
Дуьненан жовхӀаршлахь –
Массарел дезаниг,
Дахаран тамашлахь –
Уггара боккханиг,
Дела, Ахь ма кхоьлли хьекъал!
Хьайн некъах кхиарна
И гӀо деш дацахь,
Цуьнан гӀоьнца иманехь
Со чӀагӀлуш вацахь –
И жимдай, со велахь декъал!
(1965 – 3 август)
6
Гуш воцург – массо гург,
Хьайх тешча – синтем лург,
Дуьненан серлонан эла –
Хастам бо ас хьуна, Дела!
Хьайх тешарш кхоьлли ахь –
Хьайн ирсах уьш Ӏабо,
Цатешарш кхоьлли Ахь –
Тешачийн мах хадо,
Буьйса а ма йели
Де хазахетийта,
Хаза де ма дели
Бакъдериг къастийта!
Цундела, ца вуьтуш
Боданийн долахь,
Йо, Дела, доьху ас,
Де сирла лолахь!
Амма и сирла де
Со Ӏехош дагӀахь,
Серлонгахь сайн сица
Со бӀаьрзе вагӀахь,
ТӀаккха ас сайн дахар хуьйцу:
Ахь лолахь сагойту буьйса!
(1965 – 3 август)
7
Йо, Дела! Цхьа шеко
Сан дагах лета:
Ӏожаллех цакхерар –
Цакхерар Хьох хета!
Ӏожаллех тӀех кхерар –
Цатешар Хьох хета!
Нисвехьа нийссачу
Барамехь, Дела:
Ийманехь чӀагӀваллалц
Ӏожаллех ларвай,
Ӏожалла тӀекхаччалц
Стогаллехь чӀагӀвай,
Кхачаве Ахь тӀаккха
Хьайн дикчу кхиэле.
(1965 – 3 август)
8
Йо, Дела, Ӏожаллин махкахь
Со, тасий, ма витлахь байлахь.
Валар геннахь дара алий,
И дицдарх Ахь со ларвелахь,
Амма герга и кхаьчча,
Со цунах кхера ма велахь!
(1967 – 4 июль)
9
Сан дегӀ, са вовшашца
Барт байна догӀу:
ГӀерта уьш дӀаскъаста,
Витина со:
Стиглах схьадаьлла са
Стигла дӀагӀерта,
Лаьтто а шен чкъуьйриг
ДӀаийзайо!..
Йо, Дела, сан дегӀ ахь
ДӀалахь а лаьтте,
Сан са ахь дӀахьолахь
Хьайн цӀенчу хьаьтте!
(1967 – 2 октябрь)
10
КЪАЙЛАХАРА АЗ
Хьо вицлой ма Ӏелахь –
Со вицлуш вац хьуна.
Кхера а ма лолахь –
Со сихлуш вац хьуна!
Хьо кийча хилалахь,
Мел веха дуьненахь:
Ас кхойкхур ву хьоьга
Йиш йоцчу ва хенахь!
Вохий ма хьовзалахь –
Виэн вуьгур вац, хьуна,
Воккха а ма велахь –
Вухавоьрзур вац хьуна!
Цхьа лерг хьайн дӀакъовлий –
Белхарш ца хазийта,
Важа лерг а дӀакъовлий –
Беларш ца хазийта,
Кхин вуха ца хьоьжуш,
Хьо новкъа валалахь!
Вигарна баркалла
Хьайн даг чохь алалахь!
Тиша духий ма хилалахь –
Ма воьхна аьр хьуна!
ТӀех кеч а ма лолахь –
Сонта ву аьр хьуна!
Хьан дика дерш дагардан,
Хьан вонаш дагардан
Хьо вуьгуш ву хьуна!..
Вохий, ма хьовзалахь;
Хьан дика дерш совдалахь,
Хьо вогур вац хьуна!
Къинхетам хилар гой
ТӀех воккха ма велахь,
Кхел чӀогӀа хилар гой
Вохий, а ма хилалахь:
Сайн хьоме бер санна
Ма веза хьо суна.
Делахь а хьол чӀогӀа,
Сайл а тӀех йезариг
Сайн нийсо йу суна!
(1969 – 9 март – 03.00 гӀенах).
ВОЬЛХУ САЛТИ
(баллада)
ЦIий Iенош, бомбанаш лелхар
Дуьнен чохь соцуш а дац.
Берийн а, нанойн а белхар
ХIинца а датуьйш ма дац.
ХIинца а и тIом дIабалац,
Хийламмо бо къаьхьа къурд.
Амма сан даг чуьра далац
Воьлхучу салтичун сурт…
Некъана йуьстах а ваьлла,
Накъостех къаьстина шен,
Воьлхуш Iа и, ша а ваьлла,
Лахвелла цу тIулга тIе.
Йерриг а ченаша йуьзна,
Iаьвжина и беран йуьхь,
Дерриг а берчаша дуьзна
Ду цуьнан топ лаьцна куьг…
Алахьа, хьо хIунда воьлху –
Оцунах со кхуьуш вац:
Хьо тIамтIехь тоьлла ма вoгly,
Чевнаш а хьуна тIехь гац?
Фашистийн ардангаш отуш,
Хедабеш дIаьндаргийн некъ,
Хьайн бIаьргех тадам ца болуш,
Хьо майрра ма ваьлла чекх?
Ткъа xIинцa хьо воьлху хIунда?
Хуьлий-те велхарх а йал?
Гин-техьа цIеххьана хьуна
Хьуо йoIцa лаьттина талл?
Ткъа талл и, мотт боцуш дийца,
Дагийна го бомбано.
Йезар а йац аьлла, хIинца
Хазарна воьлху-те хьо?
Йа йу-те и дIора школа,
Херцийна шен пенаш го,
Дуьххьара хьан динарг дола,
Куьг хьокхуш, кхиийнарг хьо?
Йуй-те и жимачохь дуьйна
Шена чохь, малх лепарехь,
Итт шарахь бакъдериг хьуна
Чухудуш деллариг эхь?
Дуьххьара абат ахь йешнарг,
Латийнарг кхетаман суй,
Дуьненах хьо дуьххьар тешнарг,
Хиънариг хьуо адам дуй?
Аьллариг: уггаре хазниг
Стигла кIел вайн дуьне ду,
Дуьненан йоккхаха хазна
Лаьттара адам а ду!..
Дийцахьа, хIун ла ца делла,
ЦIеххьана таьIина хьо?
Йа, хилларш карла а девлла,
Йуха а дог ийжадо?
Йа, толамца тIом чекх ма-белли,
Йуха а дагбаьхки-те
Цу тIамо дIабаьхьна безарш.
Хьан даг чохь шайн йитна цIе?
Йа вийна Киевна кIела
Дай, ваший дагавеа-те?
Фашистийн лагерехь йелла
Хьайн йиша дагайеа-те?
Йа сагатделла-те нанна,
Дагабеъна и мерза стом?
Йа хьаьхна, массарна санна,
Хьуна а и къиза тIом?
Алахьа, xIyн ла ца делла,
БIаьргара хиш ийдало?
Кийрахь ша тар а ца белла
ХIун бала схьагIертало?
Йа ахь а тIамехь ца ваьлла
Дайинчу адамийн бIо,
Шайн гIаларт карзахадаьлла.
Буьйсенца схьахIуьттуш го?
Аьттачу гIаланийн сарташ,
Лазартнех чекхъйуьйлу цIе.
Чим хуьлуш и йаьгна йарташ
Йуха а дагайаьхки-те?
ЦIе йайъа гIepтaш хьайн цIийца
ТIеман новкъа хийла ихи…
Цу йартийн кIур бу-те хIинца
Хьан бIаьргех Iуьйдуриг хи?…
XIaн-xIa! Вац иштта и хеташ!
Кху сохьта хаац, салти, со:
Ца воьлху йа хьайх къахеташ,
Йа хьайнаш дагалаьцна хьо!
Дуьненах долчух къахетта
Хьан баьргех Iийдало хи:
Берахь и хьайна ма-хеттар
Цахилар кху сохьта гин!
Ца лууш къастабан цхьаннах
Йа безнарш, йа бевзарш хьайн,
Хьо воьлху, гIийла бо санна,
Дерриг а дуьненах вайн!
Схьагарехь, ахь ма ца лайна
XIapa дуьне телхина гap,
ТIамехь а тоьллачу хьайгахь
И тадан ницкъ цахилар.
Толам а, тIом а цаэшар –
Баккхийнаш шаьш хиллехь деш,
Берашна шаьш хьоьххург бешахь,
Машарна уьш кхиадеш!
Воьлху хьо, хаахь а хьайна
ТIом вайна тIета а бар,
Ткъа тIамо толам а вайна
ТIаккха ша тIебожабар.
Ма велха: вац хьуна, салти,
Дуьххьара и хиънарг хьо.
ГIайгIанаш хьайн да а лахкий,
Хьалхахьа дIаволало!
Сацаде хьайн бIаьрхин тача!..
Делахь а воьлху токх:
ГIoргa бу салтичун маша,
КIеда ду салтичун дог!..
ГIайгIанаш йазйелча чIогIа –
БIарлагIаш схьахIуьттуш йу:
Го цунна – хьуьллахь схьавогIу
Дай, ваший – уьш дийна бу!
Ткъа дIогахь го цунна, йоьлуш,
Айина зезагийн курс,
Шен йиший, наний а йогIуш,
Йалайеш шайн хьоме нус!
Балаза, уьш дийна хилла –
Хезнарг а харц ма хили…
Школа а го дIогахь сирла,
Бекабеш чохь горгали.
Го цунна: эзарнаш богIу,
Лепадеш байракхийн нур.
Массара цхьабосса боху:
«ГIоттур бац кхин тIеман кIур».
Хаза ду вайн сирла гIенаш:
Гур ма ду уьш бакъхуьлуш.
Эрна дац и церан къежарш:
Вайн дегнех духдуьйлу уьш!
Хууш ду, вайн гIенийн орам
Вайн дегнех схьаболуш бу,
Ткъа лиънарг вайн дагна чIоггIа
Кхочушдан вай хууш ду!..
Ца оьшу кхин велха, салти,
Лаьтта тIехь хьо цхьалха вац.
Тохало, йуха а гIаттий:
Бертахь вай эшор ду харц.
Мехкан да – ма вац и хьаша! –
Дуьненах ойлайеш а.
Мокха бу салтичун маша,
Сирла ду салтичун са!..
БIаьргара хиш дIа а дохуш,
И салти го гIаьттина,
Автомат шен буйнахь къовлуш,
Йуьхь буьрсса шен кхоьлина.
Сулаев Мохьмадан доIанийн поэзех
Сулаев Мохьмад йазйан хьалххе волавелла, шен 14-15 шо долуш. Дуьххьарлера шен говзар «Малх тулур бу» цо йазйо 1943-чу шарахь, Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш. Оцу поэмин чулацам патриотически бу. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. СССР-на тӀелетта луьра мостагӀ. И мостагӀ Ӏаьржачу боданан суьртехь ву. И бода, маьлхан серлоно иэша а бина, дуьне паргӀатдоккхур ду. Цу кепара метафорически аллегорех пайдаоьцу къоначу поэта.
Схьахетарехь, бусалба Ӏилманах а, нохчийн халкъан поэзех а кӀорггера кхиъна хилла Мохьмад. И билгалдолу, 1942-чу шарахь цо Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш йаздина доӀанаш дешча.
ДоӀанаш нохчийн фольклоран уггаре а ширачех жанр йу. Цуьнан чулацам АллахӀ-Деле беш болу кхайкхам бу, дехар ду. Ткъа нохчийн исбаьхьаллин литературехь, доӀанийн поэзин лироэпически жанр кхуллуш, дуьххьара къахьега волавелларг Сулаев Мухьаммад хилла. Шеко йоцуш ду къоначу поэта нохчийн фольклоран поэзех, къаьсттина нохчийн халкъан доӀанех, пайдаэцна хилар. И гӀуллакх вай лахахь, Ӏилманан талламца масалш а далош, тидаме оьцур ду. Ткъа кхузахь вай билгалдоккхур ду поэтан доӀанийн уггаре а коьрта маьӀна – Сулаев Мохьмад АллахӀ-Делах тешар, цо бусалба дин, ийман кӀорггерчу кхетамца тӀеэцна хилар. Цундела вирзина и доӀанашка. Амма и чӀогӀа къайлах хилла, нагахь ца хиллехь, иза дийна а вуьсур вацара цу заманахь. И хан Сулаев Мохьмада, ша-шеца ойланаш йеш, АллахI-Деле кхойкхуш, цуьнга дехарш деш, исбаьхьаллин лаккхара чулацам болуш, философски маьӀна долуш доӀанаш кхуллу хан йу. ДоӀанашца йу цуьнан бакъйолу поэзи, даг тӀера йолу ойланаш. Царах цхьадерш вайга схьакхаьчна – 1996-чу шарахь, уьш «Орга» журнала тӀе «Сан доӀанаш» аьлла, Шайхиев Ӏалвадигахула зорба тохийтина М.Сулаевс. Оцу доӀанашна тӀаьхьа Шайхиев Ӏалвадис Мохьмадера эцна интервью а йу, «Делан диканца!» цӀе а йолуш (2). И ший а хӀинца воцуш ву. АллахӀ-Дала декъалбойла уьш!
Дешархошна Сулаевн доӀанаш довза аьтто хилийта хӀокху гулар тӀехь уьш йуха а зорбане дохур ду вай ТӀетохаран декъехь. Дешархойн аьттонна, доӀанаш тIера масалш далош, доӀанийн а, стихийн а могӀанийн рогӀалла терахьашца билгал а йоккхур йу – хьалхарчу терахьо доӀанийн рогӀалла къастайо, ткъа шолгӀачу терахьо доӀанийн поэзин рогӀера могӀа билгалбоккху. Сулаев Мохьмада ша доӀа кхоьллина хан а, меттиг а леррина билгалйоккху. Цундела поэтан кхолларалла толлуш волчун аьтто бу хӀора доӀанан нохчийн халкхан цу хенахь хилла йолу истори а, социальни хьашташца йолу уьйраш а къасто, поэтехь болу сингаттам а, кхетам а гайта.
Хьалхара ши доӀа Итон-Кхаьллахь 1942-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-чуй, 25-чуй деношкахь кхоьллина ду. КхоалгӀа доӀа 1948-чу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь, нохчийн халкъ дохийна долуш, Казахстанехь йаздина ду. Цул тӀаьхьадогӀу диъ доӀа нохчийн халкъ ДегӀастана цӀа дирзинчул тӀаьхьа, 1965-чу шарахь кхоьллина ду. 8-гӀий, 9-гӀий доӀанаш цӀахь 1967-чу шарахь йаздина ду. Ткъа уьтталгӀаниг, шен цӀе «Къайлахара аз» йолу, драматизированни исбаьхьаллин произведени йу. Иза доӀанан жанрана йукъайогӀуш йац. Цу тӀехь бац, доӀанехь санна, Кхоьллинчуьнга беш кхайкхамаш йа дехарш. Амма Цуьнгара буй-техьа аьлла, хаалуш хьехамаш бу хӀокху поэмин лирически турпалхочунна, буьйсанна кхо сахьт даьлча, 1969-чу шеран бекарг (март) беттан 9-чу дийнахь гӀенах дуьхьалтесна. ХӀара говзар поэма йу ала бахьана ду, кхуьнан лирикин а, драмин а, эпосан а билгалонаш хиларна. Уьш вай тӀаьхьо къастор йу. Ткъа доӀанаша чулоцу хан 27 шо зама йу: 1942-чу шарера 1969-чу шаре кхаччалц. Ша поэт, доӀанаш йаздан волалуш, ткъе шиъ шо долуш, кхиъна вогӀуш, лаккхара дешна лоьран говзалла йолуш Итон-Кхаьллахь болх беш къона стаг ву. И хан Советийн пачхьалкхо Германица уггаре а хала а, луьра а тӀом бен хан йу. Ала деза, советан Ӏедало 1920–1940-чуй шерашкахь нохчийн халкъ ша большевикаша лиэдинийла а, шена тешнабехк бинийла а хиларх ма-дарра кхиъна хилла. Дешна Ӏеламнах къиза хӀаллакбина хилла, йарташкахь къахьоьгуш баха гӀерташ болу нах, шай долаллех а баьхна, хенаш тоьхна, чубоьхкина, йа Соьлжа-ГӀалахь НКВД-хь байъина. Большевикийн Ӏедало лелош йолу харцо ла а ца йелла, цӀера арабевлла, шайн синош довдийна, лаьмнашкахула лелачу ткъех обаргах бахьана а дина, масийтта бӀе къайлах болу НКВД-н белхахой арабаьхна хилла Советан Ӏедало, «обаргаш» бу аьлла, цӀе а тиллина. Цхьана агӀор оцу «обаргаша» хьийзош, Советан Ӏедало вукху агӀор хьийзош хилла нохчийн йарташкара бахархой. Цул сов, Советан Ӏедало, колхозашкахь мах ца луш, трудоденош йаздо бохуш, нах лебеш, мехаза болх бойтуш, Ӏазапехь латтош хилла нохчийн халкъ, кхидолу халкъаш санна. Иштта цӀахь чолхе дахар доллушехь, Даймахкана (СССР-на) луьра мостагӀ 1941-чу шарахь тӀелетча, эскарехь болчу нохчийн тӀемалоша исторехь цӀе йоккхуьйтуш, майраллий, доьналлий гойтуш, йуха ца бовлуш, тӀом беш хилла. Брестехь немцошна дуьхьал тӀемаш бинчу цӀеэскархошца 250 гергга нохчийн тӀемало хилла. Царах цхьаъ ву Итон-Кхаьллара Советски Союзан Турпалхо Узуев Яхьян Мохьмад. ТӀом дӀаболабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна шен турпалаллин некъ дӀаболабо Нурадилов Ханпашас. Пулеметан тачанкин говраш лелорхо бен ша воццушехь, дукха тӀом бина воццушехь, шен тӀеман синкхетам, майралла, доьналла гайтарца доккху Ханпашас дуьххьарлера тӀеман совгӀат (3). Эскаран хьаькама хӀун совгӀат де ша аьлча, Ханпашас пулемет йехна хилла. Оцу герзаца 920 мостагӀ вийна Нурадиловс, разведкашка оьхуш, шийтта немцо йийсаре валийна. Шен нохчийн халкъан сий айдина хилла Нурадиловс бӀаьхаллин хьуьнаршца.
Нохч-ГӀалгӀайн ВКП (б) обкоман цӀарах 1942-чу шарахь 4-гӀа гвардейски кубански гӀалагӀазкхийн дошлойн корпусан командующис, инарла-лейтенанта Кириченкос даийтинчу кехата тӀехь йаздина: «Ваши люди, представители Чечено-Ингушетии, дерутся в боях замечательно, показывая пример и мужество настоящих сынов нашего народа» (4) («Шун нах, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан векалш, тӀамехь дика лета, вайн халкъан доьналла а, къонахалла а гойтуш»). Ткъа цӀахь болчара, бӀеннашкахь шайн лаамца тӀаме бахийтар доьхуш, военкоматашка заявленеш делла хилла. Оцу хенан сурт дика хӀоттадо «Комсомольски правдин» тӀеман корреспондент хиллачу, тӀаьхьа гӀараваьлла оьрсийн йаздархо хилла дӀахӀоьттинчу Калинин Анатолийс шен дуьххьара «Искры над Грозным» цӀе йолчу литературин очеркехь.
Цо йаздо: «Грозный называли прифронтовым городом… В военкоматы шли толпы: безусые юнцы и седые ветераны…». Мехала ду цо шен очеркехь зорбатоьхна Вашандаройра воккхачу стага Ильясов Исалис, ша тӀаме вахийта аьлла, йаздина заявлени: «Сан кхузткъе ворхӀ шо кхаьчна, амма сайн дегӀехь ницкъ хаало суна хӀинца а. Сан лаам бу, ЦӀечу Эскаран могӀаре а хIоьттина, мостагӀ ата. Со дошлойн дивизе дӀаэцар доьху ас. Сан дехар кхочуш ца дахь, сан сий лахдина хетар а ду суна» (5). Пхийтта шо кхачаза волу макажо Алиев Ваха къайллах Висаитов Мовлидан эскадронца тӀаме воьду. Нохчийн къам, ДегӀастанара, дохийна Сибрех дахийтича, Алиев Вахас Сталине девне кехат йаздо. Хан цакхачарна, АллахӀ-Делан къинхетам хьалха а болий, тоьпаш ца тухуш, кӀелхьара а волий, итт шарахь Колымахь чохь воллу жима Ваха, амма къар-м ца ло, ша динчунна дохко а ца волу. Цу кепара хилла йукъара хьал Нохчийчохь тӀом болабале а, болабеллачу хьалхарчу шерашкахь а Сулаевс шен дуьххьара доӀанаш кхуллучу хенахь. Кхин а цхьа шой, биъ буттий ца кхоччуш хан йисина хилла нохчийн халкъ дохийна Сибрех дахийта. Поэта оцу муьрехь кхоьллина ши доӀа а, «Малх тулур бу» цӀе йолу поэма а. Уьш йешча, вайна хаало Сулаевгахь болу кӀорггера сингаттам. Иза боьдучу луьрачу тӀамца боьзна ца Ӏа. Поэтана дукхахболчу нахана цагург го, цунна дукха хӀума хаьа, хинйолу халонаш а, сингаттамаш а сема хеза.
Цул сов, бусалба дин а, шен къоман барта кхолларалла а дика йевзаш хилла Сулаевна. Оцу хьелаша къастийна хилла поэтан нохчийн литературехь керлачу жанрийн лехамашна тидам тӀебахийтар. И дерриг билгалдолу, шен доӀанашкахь поэтически гӀирсашца цо хӀиттош долу исбаьхьаллин суьрташ тидаме эцча. Сулаевс нохчийн литературехь дуьххьара кхоьллина доӀанаш. Уьш нохчийн фольклоран доӀанех терра, диалогех пайдаоьцуш, цундела драмин билгалонаш йолуш, керлачу поэзин жанрехь йазйина исбаьхьаллин говзарш йу. И диалог, фольклоран доӀанехь диалог санна, шатайпана йу. Поэта дуьйцуш йерг (кхайкхам, дехар) ша тешаш волчу вай Кхоьллинчуьнга хьажийна ду, амма Цуьнгара къамелаца жоп хиларе сатесна дац. АллахӀ-Дала къинхетам а бина, доӀанехь деш долчу дехарна йоццачу хенахь йа заманан йохаллехь хиндолчу хьолаца жоп даларе сатесна ду. Цундела нохчийн литературехь а, фольклорехь а доӀанехь йолу диалог шина агӀор дуьхь-дуьхьал къамел цхьаьнадогӀуш йац. ДоӀанан диалог йацйина йа юьззина йоцу диалог йу. Иза доӀанан жанран коьртачех билгало йу ала тарлуш ду. Нохчийн литературин поэзехь поэтан исбаьхьаллин говзалле хьаьжжина, доӀанан жанран башхалло цхьацца халонаш а, аьттонаш а кхуллу. Халонийн агӀо йоьзна йу поэтан хӀора дешан а, вастан а дерриге а маьӀнийн инзаречу жоьпаллица. Поэтан динца доьзна долу Ӏилманан, историн, философин, филологин Ӏилманийн кӀорггера хаарш хила деза Кхоьллинчуьнга доӀанца дехаре, кхайкхаме волуш. Ткъа аьттонех коьрта ду аьлла хетало поэтан доӀанера лирически турпалхочуьнца цхьаьна шатайпа исбаьхьаллин цхьааллехь шен дог-ойла дешархочунна гайта аьтто баларца.
ХӀокху статьяца дӀаболо дагахь ду вай Сулаев Мохьмадан доӀанаш а, кхийолчу жанрийн говзарш а толлуш болу Ӏилманан болх. Кхузахь вай, филологически тидам беш, анализ йан хьовсур ду хьалхарчу доӀина. Сулаевн хьалхара доӀа шина декъе декъало. Хьалхарчу декъехь поэта ша доӀа дале, АллахӀ-Деле кхайкхам бале, шен йерриге а ойланца, дагца ша бина кечам буьйцу: «Сайн синца, йуьхьаца Хьоьгахьа вирзина, Йерриге а ойланца Хьуна тӀевирзина, Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина, Йо, Дела, со Хьоьга Доьхуш ву тахана…». –8. Нохчийн фольклорца исбаьхьаллин уьйраш билгалйовлу поэтан доӀанан хьалхара могӀанаш долалушшехь. Вай къастадо коьчалниг дожарехь доӀанехь хьалхарчу стихашкахь коьрта долу ши дош: синца, йуьхьаца. Поэта тидаме оьцуш дерг, къастош дерг ду адамо деш долчунна жоьпаллин ши хӀума хилар: стаг велча Кхоьллинчунна жоп дала дуьхьалхӀуттун долу са а, лаьттах схьайаьлла йолу, йуха лаьттан кийра гӀон йолу дегӀан чӀуьйриг (чарх) а адаман йуьхьаца (дагца) цхьаьна. Сулаевн хьалхарчу доӀанехь пайдаоьцуш вай лакхахь къастийначу шина дешан маьӀница шен-шен уьйр йолуш дешнийн ши тоба йу: 1. Синца – ойла, хьекъал, корта; 2. Йуьхьаца – дог, мотт. Дешнийн и тобанаш къастош, реконструкци йеш, вайна билгалйолу Сулаевс пайдаэцна нохчийн фольклорехь а, буьйцучу маттахь а поэтически формула хилла лелаш йолу дешнийн цхьаалла: дог-ойла. И дешнийн цхьаалла, поэта ма-ярра, шен кепехь доӀанан текстехь йалийна йац. Амма и поэтан синкхетаман контекстехь хиларан тачанаш билгалдовлу, хьалхарчу стихан коьртачу дешнийн тобанаш къастийча. Контекстехь йолу формулан дешнийн рогӀалла а, цуьнца цхьаьна йукъара маьӀна а хуьйцу Сулаевс, поэтана дика йевзаш йолчу фольклоран поэзехь а, буьйцучу маттахь а (халкъан философехь) хьалхадоккхуш – цундела коьрта ларалуш дерг дог ду. Масала, «Мусин Юсупан илли» тӀехь Юсупа шен даге боху:
– Да велла диса хьо, Кийрара дилхан дог, Хьайна там ва хилча, Йишин бер ва санна, Ма коча качло хьо. Хьайна там ца хилча, Меца борз ва санна, Ма чӀогӀа дарло хьо. Сайн нанас биллинчу КӀедачу ва меттахь, Хьешана диначу Готтачу оти чохь, Наб кхета ца вуьтуш, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог. Диканна ва хуьлда Хьан карзахдалар, Сан ойла дӀайаьхьна, Сан синтем бохийна, Обарган хала дакъа Ва соьга кхийдош, Ахь чӀогӀа хьийзаво, Кийрара дилха дог…(6). ХӀокху узаман жанран билгалонаш йолчу инзаре хазачу исбаьхьачу говзарехь дог гуттар а эпитеташца (кийрара, дилха) къастадо. Ткъа ша узам диалоган кепехь кхоьллина бу. Диалог узаман турпалхочо (Юсупа) шен дагца йеш йу. Юсупа карзахдаьлчу шен даге бехкаш доху: даго вижа ца вуьтуш шен ойла дӀайаьхьна хиларна, синтем бохийна хиларна, обарган хала дакъа шега кхийдорна. Даго дуьхьал жоп луш, йалош йолу бакъонаш, бахьанаш онда а, мехала а хуьлий, йохье ваьккхина волу Юсуп къарло. И обарган буьрсачу новкъа волу. Герггарчу хенахь тӀехӀуттун йолчу инзаречу халонашкахь, кхерамашкахь ша-шен дог зуьйр дуйла а хоуьйта Юсупа. Тидаме эца деза хӀокху халкъан говзарехь а, буьйцучу нохчийн маттахь а маьӀнин коьрта меттиг дӀалоцушдерг дог хилар.
Вай йалийначу фольклоран говзарехь синан-ойланан маьӀна долу дешнаш коьртачу могӀарехь а дац, иэшаман позицехь а ду: (даго) ойла дӀайаьхьна, (даго) синтем бохийна. «Арадахарх узамехь» а билгалйоккху кийрара деган чӀогӀалла а, цуьнан коьрта хилар а: «И чуьйна болат ма чӀогӀа ду, – И сенчу цӀаро лаладо, Хьо стенах дина, кийрара дог? Ма чӀогӀа хиллера хьо, кийрара дог. Везачу Дала кхиэл йина, Цу гуьржийн нехан лаам хилла, Даймахках дала хьайга аьлча, Ца дегира, ца дешира кийрара дог. Хьо стенах дина хиллера ? Ма чӀогӀа дина хиллера хьо?..» (7). Шен даге хьажийна бу «Ваша вийначу йоьӀан узамехь» цхьалха йисинчу, маьлхан дуьне диттал дакъазйаьллачу йоӀа беш болу кхайкхам а: «Ма делха-а, сан кийрара дог, Хьо хьистинарг гур вац хьуна, И ца гучу кху дуьнен чохь Лаьттан кийрахь товр ду вайна…» (8). Хьалха даге а кхойкхий, тӀаккха шен сине йистхуьлу «Хьуьнхахь йисначу йоьӀан узаман» лирически турпалхо а: «Да велла диса хьо, Сан кийрара дилха дог! Хьайна ловза ца тоьъначу Баьссачу кийра Хьо таӀий дижа-кха. Да велла диса хьо, Хьан куралла йохийна, Ӏожалла кхечи. Да велла диса хьо, Сан кийрара мерза са! Вайша даккха ца хилла Вайшинна орца, Сан дегӀах хьо къаста (8) Хан герга хилла, ДӀакъастий далахьа, Да велла диса хьо!..» (9).
Ткъа Сулаев Мохьмада фольклоран а, буьйцучу нохчийн меттан а дог коьрта лараран ламасталла шен поэзехь керлачу исбаьхьаллин кхетаман экъанна тӀедоккху. Цо хьалхарчу доӀанехь шен Делаца йолу йукъаметтиг къастош коьртаниг дой, дӀахӀоттадо са, цуьнца кхетаман уьйр йолу цхьаьна тобанера дешнаш а (ойла, хьекъал, корта). Оцу доӀанан хьалхарчу декъерчу стихаша кхин а гойту: Делах тешар поэта уггаре хьалха а, коьртачу декъехь а шен ойланца, хьекъалца тӀеэцна хилар. Цундела, шен доӀанехь Сулаевс Кхоьллинчуьнга деш долу хьалхара дехар метафорин хьесапехь ойланца уьйр йолуш ду: «Дикачу ойланех Бузалахь сан корта…» . 9–10. Ткъа хӀокху хьалхарчу стихехь деган метта цуьнан маьӀница поэта даладо керла дош – йуьхьаца. Оцу харжаман халкъан кхетамехь шен бух бу. Нохчийн олуш ду: «даг чохь дерг – юьхьа тӀехь гуш хуьлу». Оцу синан-ойланан а, юьхьан-деган а шина тобанан дешнийн маьӀнех пайдаоьцуш, поэта керла, кӀорггера философски чулацам болу метафорш а, кхин исбаьхьаллин поэтически гӀирсаш а кхуллу. Церан гӀоьнца Сулаевс шен коьрта ойла йовзуьйту дешархошна. И ойла йу – ша кхоьллина волу, ша даггара тешаш а, лоруш а волчу АллахӀ-Далла Ша муьтӀахь хилар дӀахаийтар.