«Турпал ву Леонид!.. Грекийн Леониде кхоччуш турпал ву»! – дIайерзийра Реваза и зекийн исбаьхьаллин легенда. Керим ойлане вахна лаьттара: цо дагалоьцура Леонидца шен хилла къамел. Амма шен дагахь хIумма а ша-шех воккха ца вера Керим, шен хьекъал хIетахь совдаьлларг а лерина, мелхо а, халахийтира цуьнан бакъйолу турпала къонахалла, цIе йоцуш эрна йар. «Иза тIамехь вуьззина шен Даймехкан кIант а, бIаьхо а хилла, амма кхузахь кху кIиллойн карахь лай хилла ваха а, лай хилла вала а ца лиъна-кх цунна – и бу–кх цуьнан боллу бехк, Iедалхоша хIинца уггаре а боьхучу агIорхьа туьду болу… Къа йаI хьан, Леонид! ЦIе а йовр йу-кх хьан тIаьххьара а», – къахийтира цунах Керимна.
* * *
Леонидан гIуллакх толлуш, Москвара йаийтина талламчийн тобаа, массо а баракашкахула чекхйелира хоьттуш, хьанна вевза и, хьенан хIун къамелаш хуьлура цуьнца, и вадале хьалхарчу буса хьанна йуххехь вайнера иза, ишта дIа кхин а – царех теранаш а, тера доцурш а – дукха дара хиттинарш. Амма кхин схьалаца корта болуш хIума гучу а ца даьлла, цу талламан жамIаца Iедалхоша сацам бира, кхузарчу лагеран цхьаболу хьаькамаш чубохка а, Леонид Iийначу баракера а, иза чуихначу КеримгIеран баракера а бухабисна зекаш берриш а кхечу, кхин а генарчу лагершка дIасабекъа а.
* * *
…Керлачу лагерехь Керим а, Реваз а цхьана бараке нисвелира, амма бес–бесарчу бригаде.
Сарахь, балхара а бевлла, йуха барака чу гулбеллачохь Реваза шеконе элира Кериме:
– Суна хIун хезна хаьий хьуна? Луларчу рецидивистийн зоне дохур ду, боху-кх вай кестта.
– И хIун зона ю?
– Рецидивистийн!.. Уггаре а луьрчу рецидивистийн! Уьш цкъа а балха а ца буьгу – шаьш дайъича а, уьш ца боьлху дела!.. Боьха буьйцу… Массо а цхьацца-шишша стаг а вийна… Дукха хьолахь гомосексуалисташ… Хетарехь, цаьрга дайийта дагахь доху вай цига.
– Ца даха а мега… Дахахь а, вай эшор бу уьш! – элира ондда Керима.
КхозлагIчу дийнахь, балхара йухайогIу кхеран бригада оцу зонина йуххехула йала дезаш хилира. Лекхачу йеакIов керта йеа а маьIIехь кхин а лекха диъ чардакх ирахдахнера, схьакъедаш пулеметаш а йолуш, хIоранна а тIехь шишша салти а гуш. Зонин арахьа кхин цхьа керт а йара. ХIорш цу йуххе дIакхочуш, кхарна а гуш, зонин арахьарчу кертахь, куьйгалхой чохь болчу шозза тIекIелйинчу гIишлонна хьалхха, йеъана, виллис сецира. Виллис тIера охьавоьссира цхьа инарла, цхьа майор, цхьа капитан, сов тайначу дегIахь, сирла-цIен йайн плащ а йуьйхина, сийна берет а тиллина, вуьрхIитта шо хир долуш тайна, хаза йоI. Инарлий, цуьнан ши накъостий гIишлонехьа волавелира. ЙоI инарлина тIехилира:
– Папа! Шу йухадахккалц со кхузахь Iайтахь! Кхузахь хаза ду.
Луьстта заза а даьккхина, бIаьсте мIакйаьлла хан йара. Дитташ тIехь олхазарш декара.
– Дика ду… Гена дIаса ма йаьллахь! – аьлла, иза чувахара шен накъосташца. Керим, Реваз, кхеран жима бригада, кхаа каноца кхуззахь арахь севцира, керта а хьоьжуш, цхьа барт хилча санна: оццул лакхара хьаькамаш кху генарчу Iуьрге хIунда баьхкина-те хаан лаарна тIе, цкъа а кхузахьа гина а йоцчу исбаьхьачу йоIана тIехь шайн бIаьрг а сецнера церан.
ЙоI йолайелла, кертарчу банин гIишлонна тIехьа йелира. Цигахь дитташ сов дара, олхазарш а дукха декара. Банина ремонт йеш ткъех сов, зони чуьра керта ваьккхина, зек хиллера. Царах цхьамма, неIарах ара а къедина, элира, Ревазан тидам хуьлуш:
– ЙоI, къахетахь тхох! Хьайн йелахь, жимма кхалла хIума лохьа!
ЙоIа, безаме сирла йелакъежна, шегара дикадерг гайта меттиг йаларх а йоккхаеш, жима ридикуль схьайиллина, чуьра схьаэцна, шеколадан цастар дIакховдийра цуьнга. ЦIеххьана, пхьарс лаьцна, барзо буьхьиг санна, маса неIарх чутакхийра цо йоI. Цхьа доьхнарг хIинца хиллий хууш, Реваз цу гIишлон арахьа долчу корехьа дIахьаьдира. И кIеззиг дIатеттина чухьаьжча, цунна гинарг инзаре дара: рецидивисташ йоIана ницкъ беш бохкура.
Ревазе мохь белира: «Шу хIун деш дохку?!» Бел эцна тIеволавелира цхьаъ, вуон велакъежна:
– «Йахитта кхузара!» – тIечевхира и. Вухахьаьдира Реваз, шайн каношка дийцира. Амма уьш меттах ца хьайра. Ревазна моьттура, цара, сихха тIебахна, шайн автоматаш тIейустур йу рецидивисташна. И ца хилира, амма лакхара кано сихха хьаькамийн гIишло чу вахара. Минот йалале инарла а, цуьнца майор, капитанний, шайца кхузара зонин хьаькам а, цуьнан ши-кхо накъост а волуш, аралилхира.
Зонин хьаькаман омранца банина ремонт йеш хилла рецидивисташ сихонца цкъа йуха зонин керта дIабигийтира берриш а. Банин гIишлон чоьхьа бевлла, хьаьвсича, цIенкъахь Iуьллура йоI. СадоьIуш йацара иза. БIаьргаш къарззийнчахь диснера. Ший а пхьарс, саттийна, букъа тIехьа дIабихкинера. ЙоI йелла йара. ЙоьIан сийна берет а, плащан сирла цIен кескаш а дIасакхиссина Iохкура. ЙоьIан докъе хьоьжуш, гIорийча санна, меттах а ца хьовш, лаьттара инарла а, цуьнан накъостий а. Керимна генара гира инарлин бIаьргашкара схьатоьхна сийна алу.
– Шаршун йуккъе а хьарчайай, «виллис» тIе йаккха йоI! Цуьнан… хIуманаш а… – элира инарлас майоре. Сихха кхочушдира. Инарла лаьттара, бос баьхьна, цуьнан бIаьргаш ткъесах догура. ХIинца цо, фронтехь эскарна хьалха санна, дегI нисдина, лагеран хьаькаме омра дира луьрачу озаца:
– Йеа а чардакха тIера массо а пулеметаш цхьаьний тIейетташ, байий дIабаха массо а! Минот йалале!
– Мегар дац, накъост инарла! Инструкцино ца могуьйту! Пхи бIе а сов ву уьш, – дуьхьало йан гIоьртира лагеран хьаькам.
ТIаккха инарлас ша йаздина, кIел куьг а таIийна, кехат дIакховдийра цуьнга:
– ХIа.. ХIара сан куьйга йаздина омра ду хьуна! Кхочушде! Хьо бехке хир вац! Ца дахь, ас вуьйр ву хьо! «Бовда гIоьртинчохь байа»! – элира инарлас.
– Кхочушхир, накъост инарла! – аьлла, зонин хьаькам дIавахара.
Кестта, арахьа лаьттинчу КеримгIарна а хезаш, йеа а чардакх тIера массо а пулеметаш цхьаьне йетта йолийра. Церан татанийн йуккъехула маьхьарий, цIогIанаш схьахезира. Кестта севцира уьш массо а. Пхи минот а йалале вухавеанчу зонин хьаькамо рапорт дира:
– Хьан омра кхочушдина, накъост инарла!
«Виллис» тIе а вахна, шаршун йуккъе хьарчийна Iуьллучу, йоIан докъе хьаьжна, инарла вилхира:
– Ас хIун эр ду хьан нене? Ас хIун эр ду хIинца хьан нене?.. – шозза йухахаьттира цо ша-шега. Шена йуххерчу майоре:
– Со хIинцц… – аьлла, массарна а гуш, дитташ долчухьа велира иза, хьоткъана волучух тера.
Амма Керимна гира: маьлхан зIаьнаршлахь дешин басахь йехха къегара цо дитта тIехьа а ваьлла шен бIаьштиг тIе йаьхьначу тапчанан биргIа… эххар йелира. Иза охьавуьйжира. Майор а, бисина накъостий а, тIехьаьвдира: тIаьхьа дара – инарла хIинца хIумманна а кху дуьнен чохь жоп лучохь вацара…
* * *
Цигара шайн лагерехьа шаьш бухабогIуш, Керима элира Ревазе:
– Дагара ца йолу-кх и йоI… цуьнан сийна берет… сирла-цIен плащ… БIаьстено Iехийнера иза… Ма кхоам бара цуьнан!..
Йуха тIетуьйхира:
– Делахь а оцу цхьана йоIана тIехула и пхи бIе сов рецидивист цхьаьний байа бакъо-м йацара инарлин!..
– Уьш–м байа хьакъдолуш, нийса байира цо!.. Дика байира!.. ХIинца цара вай… дойур дац-кх, хьуна! – цIаро йагийначу шен йуьхьа тIера ирча моьнаш дIасадаржош, сирла велакъежира Реваз. ТIаккха тIетуьйхира:
– ХIун хаьа, и инарла а вайна диканна ца веънийла а!.. ХIинца вай кхечу зоне а дохур дац! – Инарлех а къа ца хийтира Ревазна. – Бакъду, и йоI-м йицлур йац суна!.. – дIадерзийра цо.
* * *
«Ма ца оьшуш, ма совнах хIума йу адам кху дуьнен чохь», – аьлла, хийтира йуха а Керимана: дехьарчу терхи тIехь Iуьллура велла зек, цхьамма а хьаха а ца веш. И дIаволларан гIайгIа дагалоцуш а вацара цхьа а: «Бакъду, буса хIун шапаIат дан тарло цунна? Иштта а, вуьшта а сахиллалц собар дан дезаш хилча»… Амма Керимна наб ца кхетара – ойланаша хьийзавора: баракера денна цхьацца-шишша дакъа, ткъа лагерера-м денна уьш иттех а сов дIахьора. Йуха, оцо цхьа а йа цец а ца воккхура, йа ойлане а ца вожавора. И гуш, Кериман цкъацца ойла хуьлура: «Ма тоьлар-кха суна а, уьш санна, кху дуьнен чуьра сихха дIаваьлча», – олий. Амма, кIоргге шен даг чу хьаьжча, вала а ца лаьара. «Кхуьур ву… Валар карара дер дац… Цкъа хьалха Кесирий, Каташший, Заретий а гина… тIаккха», – олий, даго дIатоттура кхераме ойла. Керима тахана кхозлагIа а дахьийтира цIа – Кесире кехат а, Москва – СССР-н Прокуроре арз а…
Ойла йеш, лаьттара и хIинца, лаьттах бел а гIортийна, гIелвелла, болх йукъах а битина. Цхьа вагон йассийнера. ХIинца ши вагон йиснера. Амма хIинцале а гIелбеллера, даим а меца болу зекаш.
– ЛадогIахь! – Керимехьа а вирзина, велакъежира Урусевский, шен гай тIе пIелг а хьежош,– хезий хьуна?
Керимна ша лаьттачохь а хезаш, къекъара цуьнан чоь.
– Йаккхий чуьйраш йу-кх кегийчарех леташ, сан доктор! TIe, кху мецачу чоьн тIе чуьйна а ду, жIаьлешна хиларг! – йуьстахвелира иза. Керима тIаьхьа корта ластийра: цхьана хенахь райкомпартин хьалхара секретарь а лелла, фронтехь подполковник, замполит а хилла волу Славян Модестович Урусевский хIинца кхузахь, тIехь тIелхигаш а кхозуш, «МозгIар» аьлла, зекаша цIе а тиллина, даим а меца лелаш вара. Кестта вухавеара иза:
– Доктор!.. – шабарца элира,– эццахь, тIехьа, цхьа, амбар санна, гIишло йу… Чуьра чIеран хьожа йеттало.
– Вало, талла! – тIедиллира Керима.
Цхьа ах сахьт далале вухавеара, хечин йистошца хьулйина, жимо ши иргIу а йахьаш:
– Цигахь чIерий а чохь черманийн дийнна paгI йу!
– Тсс!.. ГIара ма даккха!.. – йуха а деара… Дийкъира, канойх лар а луш, зекашна. Киснара мIарашца къийзош, схьа а дохуш, цхьацца цуьргаца бага а туьйсуш, каношна гарна кхоьруш, тийна диира зекаша. Кестта хьогалло хьовзийра. Хи гена доцуш карийра кхузахь. Амма чуьйна – чуьйна доладелира дукханнен а. Кест-кеста коьллашка ида буьйлира. Каной йуьхьенца ца кхетара. Шаьш эххар а кхетча каноша, болх йукъах а буьтуш, уьш хенал хьалха баракашка йухабалийра. Цхьаберш циггахь белира: «ЧIерех дIовш даьлла», – хиира кхано набахтин лоьрашна, тIаккха хьаькамашна а. Цул тIаьхьа кхеран баракернаш, кхин цигахьа балха ца буьгуш, хьун хьакха буьгура.
Йуха а мацалла, денна а – мацалла: лагерехь лург шина сохьтана а ца тоьура. Амма хьуьн чохь шортта дара цIена xIo, сийна гIаш, лекха дитташ. Йуха а Керимна тIевеара «МозгIар» – Славян Модестович:
– Доктор!.. Хьуьлларчу лекхачу диттана гонах шорта акха накхарш хьийза.
– Хьийзича хIун ду?
– Акха моз!..
– Лекха буьххьехь ма ду и. TIe муха кхочур ву?
– Кегийчаьрга эр ду вай.
– Ткъа каной?
– Вай доьхур ду цаьрга. Уьш дуьхьал хир бац цунна: и къола ма дац! Вай царна а лур ду.
– Нийса лоь!.. Вало!..
Акха моз чIерел дуккха а мерза а, вузош а дара, амма хьогалла а самайоккхура кхин а чIогIа. Ткъа кхузахь тIекхочехь хи дацара! Цхьаболчара уьшалш чуьра мелира, вукхара… шайн хьаткъа! Йуха а чуьйна! Кериман хьехамца зекаша ножа диттан кевстигаш Iийшира. Мелла а чуьйна лагIделира дуккханнийн а, амма хьогаллина дан хIума дацара. Шиъ велира. Каноша, къахетта, бисиначарна дийкъира шайгарчу кегийрачу фляганаш чуьра хи. Йуха а хенал хьалха баракашка бухабалийра зекаш.
Хи а мелла, aгIop а ваьлла, гIийлла шен нар тIехь Iуьллура Керим.
– Албастов! – мохь туьйхира неIаре хIоьттинчу дежурничо:
– Сихха конторе!
Ший а дIавахара.
Йоккхачу кабинета чохь цхьана пена тIехь – генералиссимус Сталин, цунна уллохь – бIаьргех пенснэ а дохкуш, Берия, вукху пена тIехь йуха а «Правда» доьшуш Ленин.
– Накъост Албастов! Ахь йаздинерий СССР-н Генеральни прокуроре?
Керима цу сохьта тидаме лецира цо аьлла «накъост». Дог мерза тохаделира.
– Дукхазза, накъост майор! – жоп делира Керима.
– Хьан гIуллакх йухателлина. Хьуна тоьхна хан яцъйина шина шарна тIекхаччалц – ахь дежурничунна тохарна. Кхиболу бехкаш тIерабаьхна. Кхана нийсса хьан и ши шо дузу. XIapa хьайн документаш а эций, кхана цIехьа йахийта! Кхин цхьаннах лета а ма лета! – аьлла, велакъежира майор…
Барак чу вухавеара: «Бакъдуй-те xIapa» – дог хIинца а ца тешара. Чуьрачаьрга ала а эхь хетара: кхуьначул кхин сов бехк бацара церан а – уьш буьсур бу, ткъа xIapa пapгIатваьлла.
* * *
Керима Iуьйранна дийцира и зекашка. Цара го бира цунна. Дукхамма шайн цIерачеран адресаш делира, косташ а дира, шайн кехаташ цаьрга а, Iедале а дIахьажадахьара аьлла. Царах, дог Iовжош, дIасакъаьстина Керим, шен тIелхигашца, цу Iуьйранна, кисанахь зекаша гулдина делла иттех туьма ахча а долуш, лагеран кех а ваьлла, уггар а йуххе йолчу станцехьа гIаш дIатаьIира.
ЛЕНИНОГОРСКЕХЬ
Вокзале дIакхоччуш, милиционеро сацийра Керим, цуьнан эттIачу бедаршка а хьаьжна:
– Къонах! Хьан некъан кехаташ?!
Керима дIагайтира:
– Лаьцначуьра паргIатваьккхина цIа воьдуш ву.
– Дика ду. Суна-м веддачех ву моьттура…
«Сихха цIерпошта ца хаахь, хIинца сецор ву-кх со, xIapa бедарш бахьанехь», – ойла хилира Кериман. Станцехь хиира: массарел хьалха схьакхача йеза цIерпошт Лениногорске йоьдург йара.
«Цигара Джамбулехьа дIатаьIар ву-кх», – сацийра цо ойланехь. Лениногорск шена ца эшахь а, кхузара сихха дIавалар гIоле хеташ, цхьамма, тIаьхьа а веъна, ша лагере вухавигарна кхоьруш санна. «Ткъа Джамбулера Жал-тюбе, доьзална тIекхача сахьт бен хан а йац», – лерира цо йуха а ойланехь. «Кестта, хIинца-х гур дай суна Кесирий, Каташий, Зареттий», – бохуш, йух-йуха дагалелхачу ойлано гилгаш дохура дерриге а дегIax. Амма цIерпошт схьакхача хIинца а масех сахьт дара.
Йеана, хьалхара платформа йерриге дIалоцуш, цхьа йехха товарняк дIахIоьттира. Кхунна дуьхьалнисйеллачу шина вагонах, цхьанна чуьра белхар, вукхунна чуьра эшарш хезна, сакхвелира Керим. Вагонаш йоьттина цIа богIурш, эскарера хIинцца паргIатбаьхна, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа а, дозанал дехьара гIуллакхаш чекхдовллалц, сецийначех тIемалой бара. Белхар схьахезначу вагона чу вахара Керим: xIapa сагIадоьхург ву моьттина, цу сохьта кхунна цхьана сержанта баьпкан булка кховдийра, вист ца хуьлуш, боьлхучаьргахьа дIа а хьоьжуш.
– ХIунда боьлху уьш? – хаьттира Керима меллаша.
– Кхо ваша ву, тIамехь шайн кхо ваша а вийна, цIа вогIуш… ХIинца шайн йуьртана гергакхочуш, уьш дагабаьхкина…
Вукху вагон чу вахара: кху чуьранаш-м, мелхо а, хьалха малар а, даар а хIоттийна, пондар а, эшарш а лоькхуш, даздеш бара шайн цIадерзар.
– Схьачувола! – тIевийхира лейтенанто корта чукъадийна Керим. – Охьахаа тхоьца!
Керим, чоьхьа а ваьлла, маршаллина корта а ластийна, охьахиира йистехь, гали тIе.
– Мичхьара догIу шу? – хаьттира цо.
– Цхьаццанхьара: Чехословакера, Югославера, Германера… –охьадагардира гIеххьа кеп хилла волчу лейтенанта. – Хьо мила ву? Ахь хIун леладо?
Пондар а, эшарш а севцира.
– Со а ву фронтовик – майор…
– Ткъа… духар ма тамаше ду хьан?!
– ХIинцца лаьцначуьра паргIат а ваьккхина, цIехьа ваха араваьлла…
– Цкъа xIapa цхьаъ дIабаккхал, накъост майор!
Керима «дIабаьккхира», тIе хIума кхалларан дуьхьа. Доцца дийцира ша лацар а, шегара даьлларг а. Йуххехь ладоьгIуш Iачу, дуькъа хьаьрса мекхаш долчу сержанта элира:
– Бакъ тоьхна! Суна тоьхнехь, ас и ворта а кагйийр йара! Муха ваьхьна и, мукадахка, фронтовикна , майорна тоха?
– Гой, хьуна, со… нохчех ву… Тхан къам дерриге а бехке а дина, махкахдаьккхина. Тхох фронтовик верг а, воцург а – хIинца цхьабосса ву.
– Аьшпаш!.. И муха тарло? Дерриге къам… Хьоьгара цхьаъ даьлла хир ду… Тхоьца хилла ши нохчо – Гелани а, Айдамир а Ростохахь охьавоьссира.
– Воьссинехь… цIа кхоччушшехь хуур ду царна а, – элира Керима.
ТIемалой ца тешара. Керима уьш тешшош дийцира.
Массо а вовшашка хьаьвсира, гIap яйна.
Товарнякан буферш тохайелира.
– ХIа! Вежарий! Вайн ваша фронтовик–майор, иштта беркъа бакъахь вац! Вовшахтохал сиха шайгахь йерг! – элира лейтенанта.
Цу сохьта шайн галеш, тIоьрмигаш схьадаьстина, доггаха хьаьвзира тIемалой. Пхи минот йалале Керимна тIе дирзира, дустуш хаьржина, керла духар: шинель, китель, эткаш, хеча, фуражка.
– Вежарий!.. –аьлла, куьг ластийра цо, кхин дIа баркалла ала ницкъ ца кхаьчна, легашкахь хорам хIоьттича санна.
Керима тIера схьайаьккхина тиша бедар сержанта шен тIоьрмиг чу тесира:
– ХIорш ас, накъост майор, шун комендантана дIайохьуьйтур йу!..
Массо а велавелира, товарняк тохайелира.
– Хьо тхоьца дIавагIахь, – Кериман пхьарс лецира лейтенанта, – сан дас-нанас хьо везаш лелор ву, дIавола соьца, тоьла хьуна. Жимма са а даьIна, тIаккха гIop хьо цIехьа!
– Баркалла!.. Баркалла! И тарлуш дац. Сан доьзална xIинца а ца хаьа со мичахь ву…
– Делахь… xIapa а дIаэцал! – лейтенанта Кериман хьалхарчу кисана таIийра, горгам йеш, хьарчийна ахча. Сержанто кхалла хIума чохь тIоьрмиг а белира.
– Баркалла шуна!.. Сан вежарий!.. – аьлла, лейтенантана а, сержантана а мара а иккхина, массеран Iодика а йина, охьавоьссира Керим… Товарняк дIайахара.
Вехха лаьттира Керим, перронехь и къайлайаллалц цунна тIаьхьа хьоьжуш.
Лениногорскехьа йоьду цIерпошт буьйса йуккъейаханчул тIаьхьа, кхоъ доллуш бен ца кхечира схьа… Билет хьехочохь а дацара. Вагонан неIарехь лаьттачунна кисана туьманан кехат а таIийна, хьалавелира Керим. Билеташ «ца тоьънехь» а, меттигаш йара. Сихха лакхарчех йеса терхи а хаьржина, гIевлинга шинель а нисйина, дIавижира Керим. Цхьа хан йаьлча, чам боцуш муьшка йина, самаваьккхира xIapa:
– Къонаха! Хьан кехаташ?
Керим охьахьаьжира: шиъ вара милицин хормехь. Паспорт доцурш а, бевдда лела спецпереселенцаш а лоьхуш хиллера уьш. Керим сапаргIата кителан кисанашка кхевдира – кехаташ дIагайта: дацара йа уьш а, йа ахча а, йа йуххе охьабиллина, йуург чохь хилла тIоьрмиг а. Билет-м муххале а. Керима ша мила ву дийцира, – амма къамел ца дахдеш, сихха вагона тIера охьа а воссийна иза а, кхин цхьа немцо а меттигерчу спецкомендатуре дIавигира.
Ша дIавуьгуш: «Кху меттиган цIе хIун йу?» – хаьттира Керима. «Шемонай», – олуш санна хийтира Керимна, цо и сиха аларна ца къаьсташ. Меттигерчу спецкоменданто Марка Артемьевича Марченкос (и цIе дика йевзаш хиллера кхуьнца схьавалочу немцочунна) уггаре хьалха шинна а «мат-перемат» диллира. ТIаккха ший а КПЗ-чу хьажийра:
– Кхана шинненна а акт а хIоттийна, дIадохьуьйтур ду шен метте! – элира цо самукъане. Керим а, цуьнга кхин чорда дош ца олуш, (и мегар доций хIинца дика хаьара цунна) элира:
– Со лагерера паргIатваьккхина вогIу. Сан кехаташ новкъахь лачкъийна. Амма хьуна хIун хаьа со веддийла а? Цкъа зIе, мукъна, йахьийтахьа цига со хоттуш! – йаздина, адрес дIаделира Керима. Коменданта ойла йира: «Баккъал а и ведда хилахь, и схьалацарна суна баркалла а доккхаха хир ду!»
ШозлагIчу дийнахь жоп деара, Керим мила ву билгалдеш, цуьнан дайначу кехатийн метта шолгIнаш шаьш почтехула тIаьхьадоуьйту аьлла.
Цаьрга баттахь гергга хьежа дезара. Кериме цкъа куьг а таIадайтина, и водург цахилар чIагIдойтуш, цуьнан кехаташ схьакхаччалц аьлла, коменданто дIанисвира иза, комендатурана гена воццуш Iачу нохчочун Касаев Ширванина лулахь.
Ширванис вон вийцира комендант:
– Кхаьънаш оьцуш вац, нуьцкъаша дохуш ву: байна гергарнаш схьалохург цхьа мах боккху, кхечу гIала гергарчарна тIевохуьйтург кхин а сов боьху, цхьанхьа балха дIанисвала бакъо лург-м йетт эццал xIyма йоккху. Хьан кехаташ схьа ма-кхаьчча, гур ду хьуна, цо уьш, хьоьгара цхьа кхаъ баьккхиний бен, хьоьга дIа ца луш. TIe массаьрца а кIоршаме а ву, ур-атталла шен гIоьнчица Ивановца а.
– И вуй, Ткъа кхаьънаш ийдеш?
– Вац. И цо кхерош латтаво.
Керим ойлане вахара:
– Соьгара хIун доккхур ду цо? ДIадала-м хала ма дацара – делахьара. ХIун дийр дара-те цунна?
– Дика, хьаха, хир дара иза Iораваккха вайн ницкъ кхаьчча! – хьала а гIаьттина, гIайгIане дIасаволавелира, лам санна, зоьрталчу дегIахь волу Ширвани, баьхьанаш санна, шен даккхийра куьйгаш хьалха а туьйсуш.
– Хьажахьа! Шо хьалха кхуза, деккъа шен ши куьг а ластийна, шен озачу зудчуьнца веана волу иза хIинца мел вехаш ву: эццига йуххехь цIенош ду эцна, массо пен а, цIенкъа а нохчийн кузех дуьзна, йоккха мотоцикл эцна, шиъ йетт, кхоъ хьакха лелайо! ТIехула тIе, вайна дена а хьежадо! Вала да вац-кха! XIop шарахь Кавказерчу курорташка а воьду. ХIинца а, кхана, отпуск а эцна, Сочи воьду, боху.
– Баккъала? И-м вон дац? – сакх хилира Керим. – И цIахь воцуш вайн аьтто сов хир бу!
– ХIун дан?
– И Iораваккха?
– Муха?
– Ахь ца элира, цуьнан чоь нохчийн кузех йоьттина йу? И нохчий кхузахь буй хIинца а?
– Бу.
– Нохчашна девзар дарий шайн кузаш? Хаьттича, даре а дийр дарий цара уьш шайн хилар?
– Дера, ца хаьа!.. Кхоьру… Амма цхьа-шиъ-м ву даре дийр долуш, шайн корта баккхарх, кхера ца луш.
– Уггаре а хIинца вайна коьртаниг – Iедална тешаме волу, кхаьънаш ца ийдеш волу Иванов вайгахьа валар ду. Ваьхьар вуй-те?
– Хьовсур-кх! «Попитка – не питка», – элира Ширванис.
ШозлагIчу дийннахь, Марченко курорте новкъа ма-велли, Ширвани, ларлуш, сов лерина дагавелира комендант вухаваллалц цуьнан метта висинчу Ивановх.
Цамоьттург хилира: Иванов атта тIевирзира гIo дан.
– Дукха хан йу ас, и дерриге ган а гуш, цунна садетта, шун наха и даре цадарна кхоьруш…
Шена хуучу, коменданта кхаьънаш даьхначу бapxI нохчочуьнца, къайлах ше-шеца дийца вахара Ширвани, и даре дийриг хиларх цаьргара дош даккха. Дош ца лора –кхоьрура:
– ГIуллакх ца хилахь, чудухкур ду.
– ГIуллакх хир ду: хьекъал долуш, куьйгаллин балхахь а лелла, кху гIуллакхах кхеташ накъост ву вайца.
– Ахь дуй баал, хьо вухавер вац алий.
Керима биира, тIе, дош а делира коменданто цаьргара кхоана даьхна кузаш а духадерзо, болчарна уьш бовзахь. БархIаммо а куьйгаш а таIош, ша–ша йаздина кехаташ караделира Керимна.
Йуха оццаьргара, массеран а куьг тIехь а долуш, йукъара заявлени а эцна, Ширвани сихха Иванов волчу вахара. Ивановс ша дIакхачийра и областан НКВД-н куьйгалхошка. Вукху дийннахь и гIуллакх талла схьакхечира капитан Шаповалов.
Цхьацца тIекхойкхуш, барт хетта болийра цо Ивановн кабинета чохь, и йуххехь а волуш. Массара а даре дира. Кхин тIе а бийцира, шайна хезна болу, ца девллачу денна комендантана ахчанца совгIаташ динарш а. Царна йукъара а велира шиъ, даре деш. Ивановс а, шайн таьптарш тIехь гайтира капитане Шаповаловга коменданто харц гIуллакхаш лелийна билгалонаш. Эххар а, цIахь йолчу Марченкон зудчуьнга дIакхечира эладита. Шен садаIар йукъах а дитина, веана, хенал хьалха цIа кхечира Марченко. Шаповаловс гIоьнна областера кхин цхьа капитан а тIевийхира. Цу шимма, шайн бакъонаш дIа а гайтина, барт хатта болийра Марченковга – цо массо хIуманна а керстдора:
– Уьш Советан Iедалан а, вайн а мостагIий бу. Со цаьрца, законо ма-бохху, уьш ловза ца беш, буьрсо вара. Цара хIинца хIуъа а кхуллур ду со бехван.
– Дика ду. Хьан цIахь кузаш дуй?
– Ду, – озийна жоп делира Марченкос, хаттаран дуьхье ца кхуьуш.
– Мичара?
– Эцна, – йуьхь цIийелира цуьнан.
– Мичахь?
– Базарахь…
– Хьаьнгара?
– И суна хIинца мичара хуур ду: уьш хIинца со тIекхочехь а ма бац.
– Бу!.. – дехьачуьра Ивановс схьавалийра ши нохчо.
– Алал, Баудинов, ахь кхунна куз боьхкирий?
– Ца боьхкира… Цо баьккхира-кх соьгара Акмолинскера
сан йиша схьайалориг.
– Ахьа хIун олу, Несерхоев?
– Актюбинскехь велла сан ваша дIаволла суо вохуьйтург ас а белира кхунна цхьа куз.
– Девзар дарий шуна?
– Дара!.. Цу сохьтта-м! – элира шимма а.
– Цара шайн дацахь а, эр ма ду и-м хIинца! – тийсалора Марченко.
– Шун чу а дахана, хьовсур вай!..
Пен санна, кIайеллачу Марченкон зудчо доьхначу озаца:
– Чудуьйла!.. Чудуьйла!.. Хьоме хьеший!.. – бохуш, ма-хуьллу ца йоьхна кеп хIиттайора. Пенашца кхозуш а, цIенкъа тийсина а кузаш дара чохь шортта.
– Мм-да!.. – элира Шаповаловс…
Массо а тийна лаьттара.
– Охьаховшийша, ирахь ца лаьтташ,– гIенташкахьа куьг а ластийна, хIусамнана шина нохчочуьнга гомо дIахьаьжира.
– ХIа! ДIахьовсал! Дуй шун кузаш? – хаьттира шинге а Шаповаловс.
– И сайниг бу.
– Билгало?
– ТIехьа, аьрру маьIIехь, цIечу тайца йазйина сан зудчун Хадижин цIе хила йеза.
Хьаьвсира – бакъ хилира. Вукхунна а бевзира шен куз, цо йийцина билгало – тIехьа хьостамо цестина лар а – бакъ хилира.
ТIаккха Шаповаловс буьрсса:
– Гражданин Марченко! Хьо лаьцна ву! Схьада герз! – омра дира. Шаповаловн гIоьнчас а, Ивановс а тIехилла, схьаийцира Марченкера тапча.
– Ашшимма шаьшшиннан кузаш дIахьо!
Кузаш а эцна, дIавахара ший а.
– Ахь,– Ивановгахьа вирзира Шаповалов. – Схьакхайкхал хIинца бисинчу тешашка а!
Марченко, Iадийча санна, вогIавелла лаьттара, хIусамнана хIинца цIенкъа охьа а йоьжна, корта лаьттах бетташ йоьлхура:
– Вай, сан Дела! Вай, сан Дела! – бохуш.
Ивановс чувалийра важа йалх теш а, цаьрца Касаев Ширвани а. Ширванис чордо элира хIусамнене:
– Ма йелха! Тохара, кузаш чугулдеш а, ца йоьлхурий хьо. ХIетахь тхайнаш боьлхура!
Шайн-шайн кузаш массарна а шеко йоцчу билгалонашца девзира. Хезна а доцург хилира: суьдан кхел а хилаза, кхоанна даьхна кузаш кхуззахь духа а дерзийна, акташ кIел куьйгаш а теIадайтина, дIабахийтира нохчий.
Марченко дIавигира, цуьнан цIера хIумнаш дIа а йазйина. Нохчашна цу дийнахь Советан Iедал духадеача санна хийтира.
– ХIуъа делахь а, Iедалехь, вайна а ца хууш, цхьа хIуманаш хийцаделлачух тера ду. ХIинца санна, массо, бакъдолчунна тIе а хIоьттина, барт ца бухуш, цхьабосса гIоьртича, нийсо тола магаран билгало йу… – элира Керима.
– И дац, Ткъа xIapa дуьне доладелчхьана а, ца нислуш схьадогIург… – велавелира Ширвани. – Массеран ца буху барт нислуш белхьара-м, Сталин тоьлла а хир вацара…
Марченкон метта комендант Иванов чIагIвира. Кериман кехаташ схьа а кхаьчна, схьаделира кхуьнга Ивановс.
* * *
– Гой хьуна, Керим, хьо новкъа ваккхал ахча-м, сайгара а, духалург даьккхина а, вовшахтухур дара ас, амма хьо иштта сиха дIагIойла дац-кха хIинца а, сан гIуллакх а ца нисдеш, – элира Ширванис.
– ХIун ду?
– ХIинца со Iаш волу сан оьрсийн зуда Ирина Фадеевна Тыквина, хьоьга алаза вара со, сан шозлагIа зуда йу. Вай цIерадохуш со, сайн цIахь а ца нисвелла, гергарчарах а къаьстина, кхуза кхаьчначохь, кхуьнан хIусаме нисвелла. Мар тIамехь а вийна, шина бераца Iачу кхо, дола деш, дика а лелийра со. Делахь а, ас кхуьнга хIеттахь аьлла дара, сан зуда а, бераш а ду, уьш схьакарийчахь, царна тIе дIагIур ву со. Амма эххар, сан мел берш, вежарий а, зуда а, ший бер а Лениногорскехь мацаллина белла аьлла, цхьана-шина стага тоьшалла а дина, цул тIаьхьа, ойла йоьхна, ас кхуьнца ЗАГС а йина, xIoкxo сан дуьхьа бусалба дин а тIеэцна. Ткъа хIинца цIеххьана, сан хьалхара зуда Ламара дийна а йу, йелла а ца хилла, Лениногорскана уллохь, ненахошкахь Iаш а йу, цомгуш а йолуш, боху хабар кхаьчна. Ириница, и кхетош, къамел а дай, цо сан дIалачкъийна некъан кехаташ ахь схьадахахьара сан гIуллакх хуьлур-кха. ТIаккха вайша цхьаьний Лениногорске а вахана, ас цигара хьо Джамбулехьа дIа а хьажор вара.
***
Керима кIеда а, дехха а дийцира:
– Цунах гIуллакх хир дац! Цкъа-делахь, дин а хийцина, сайн нахана хьалха а, шина берана хьалха а сийдоцчу йаьлла со. ХIинца тIе, со а тесна, xIapa дIавахча, нехан тIехбеттамашна кхузахь Iойла а хир дац! – оьгIазе ирахIоьттира Ирина. – Ас мацалла лечуьра кIелхьараваьккхина хьо-х! Эхь ца хетий хьуна, – Ширванина тIейирзира иза.
– Кхетахь! Ас хьоьга хIеттахь а ма элира и!..
– Ткъа иза йелла аьлла, хезначул тIаьхьа, вай йина ЗАГС? Ас хийцина дин? И кIезиг хета хьуна?
– Кхетахь! Ас баркалла олу хьуна ахьа суна мел диначу диканна! Амма со хIинца дIа ца вахча ца волу!.. Ахь сан кехаташ, хIуманаш схьа ца лахь a, гIyp ву со!
– ГIахь, мацалла лийр ву-кх хьо а цигахь! Дохко вер хьо!
– Дохко вер вац! Мацалла а лийр вац! – оьгIазъэха вуьйлира Ширвани.
– Латта дуур ду ахь цигахь!
– Лаахь, дечиг а дуур ду, тIулгаш а дуур ду, амма дохко вер вац!
– ХIа! ДIаэца xIapa хьайн кехаташ а, и дIора хьайн чамда а! – Ширванин кехаташ стоьл тIе тийсира цо. – ДIагIо! ПаргIат ву хьо, йамартхо! Амма… сан къа гIойла хьо-х, – аьлла, йоьлхуш, дехьа чу йахара Ирина.
Шен чамда а, кехаташ а эцна Ширвани, Керимца цхьаьна буьйса йаккха цуьнан хIусаме а веъна, сихха шайна Лениногорскехьа билеташ эца вахара.
Iуьйранна и шиъ, шен хеннахь вокзале схьакхаьчча, цIерпошт хьалхарчу платформехь лаьтташ, вагонна уллохула, тIоьрмиг а карахь, дIасалелаш Ирина гира кхарна.
TIe а йеъна, гIийла йелакъежира иза:
– Шуна некъана кхалла хIума йу кху чохь, – аьлла, тIоьрмиг Ширванига кховдийра.
– Баркалла хьуна! Хьо даима а йара дог дика! – Ширванис схьаийцира цунна вас ца йархьама…
Куьйгаш а делла, мара ца эккхаш, вовшийн Iодика йира цара. ЦIерпошт йолайелча, тамбур тIехь лаьттачу Ширванига мохь туьйхира Иринас:
– Диц ма делахь, со, хIинца а ахь йитаза, хьан зуда йу хьуна!..
* * *
Церпошт новкъахь дуккхазза а соьцуш, буса бен дIа ца кхечира. Лениногорскан вокзалехь даьсса дара. ДIо сонехь леташ кхо-виъ стаг вара, вовшашна маьттаза «нанна а бохуш», – оьрсийн а, нохчийн а маттахь. Шина милиционеро дIабигира уьш. Оццу цIерпошта хьалха лаьтташ ши-кхо нохчо а вара, чIоггIа луьйш.
ТIевахана, салам а делла, къамеле ваьлча, царех цхьамма, Ширванин гергарнаш дIабухкуш, ша а хилла элира, шинге а буьйса йаккха чукхайкхира. Кхузарчу цIейойучу отрядехь, йоккха машен лелош, балхахь ву ша бохура. Махьмуд цIе йара. Чай молуш Iаш, дехха дийцира цо кхузара хьал:
– Ах а сов белла хьалхарчу шина шарахь – шелонний, мацаллиний, цамгаршний. Бан болх боцуш а лийлира: кхузарчу шахташка а дIа ца оьцура, шайна белхалой а ца тоьъушехь, тешам бац бохуш. Кхин тайпа белхаш а бацара. Эххар а бакъо йелира спецпереселенцашна а шахташкахь болх бан. Массо а цига дIахьаьлхира: алапаш а дара даккхийра, тIе, наггахь Iен хIусам а лора…
– Ткъа… меттигернаш хIунда ца боьлху цига балха?
– Уьш шайн цIахь бу: уьш мичча а дIа ма оьцу, ткъа шахташкахь, маьIда доккхучохь, силикоз боху вон цамгар хуьлу.
– ХIун тайпа маьIданаш ду кхузахь.
– Дукха хьолахь – даш. ЦIаста а, цинк а хуьлу. Наггахь деши а… Кхузара маьIданаш тIеман гIирсашна оьшучех лору.
– Ткъа хьо ца кхоьру… силикозах?
– Кхерахь а, дан хIума дац… Цхьаъ ца лелийча ца волу… Ларвалан хаа а деза: коьртаниг вахош долу малар цамалар, цигаьрка цаозар, ма-хуьллу хьена йууш хилар, шен рожехь шура мийлар ду. Сан луларчу оьрсичун, – цо болх бен пхи шо а даьллашехь, хIинцца рентгенехь хьаьвсича а, пехаш цIена карийнера. Цул совнаха, цо, ша шахти чуволуш, шина а мераIуьрга башийначу бамбин цуьргаш а йухку.
– Керим! Вайша а ваха ма везара цига балха! Цхьана баттахь цIа ваххал ахча а доккхур дара!.. Кхин цхьа бутт хьан доьзало хьоьга хьоьжуш баккхарх, доха хIума а дацара, – элира Ширванис.
Махьмуд йукъагIоьртира:
– Делахь а, хIинца вайнах хецца дIа ца оьцуш долийна цара йуха а.
– ХIунда? – цецвелира Керим.
– Гой хьуна, амнисти хиллачул тIаьхьа, кхузахьа даккхий алапаш а ду, баракаш чохь Iан меттигаш а ло, аьлла, шортта схьахьаьлхина, лецначуьра паргIатбаьхна урканаш. Дукха хьолахь оьрсий. Уьш болх боцуш бисар кхераме долу дела, хьалхарчу рогIехь уьш дIанисбо шахташкахь болх бан. Цара шахташкара меттигаш дIалаьцна. Тохар хилла белхалой цатоар а хIинца дац: хIинца царех йоьттина шахтанаш a, xIapa гIала а! Шахте балха дIанислург хIинца кхаъ бала а беза цигарчу хьаькамна а, комендантана а.
Керим а, Ширвани а вовшашка хьаьжира:
– Вайша кхуза кхаьчча, доха дисина хилла xIapa гIуллакх, – эккхийтира Ширванис.
– Амма шахтанийн урхаллехь берш реза бац тIаьхь-тIаьхьа урканаша бечу балхана: болх ледара бо цара. Церан метта, уьш дIа а бохуш, цаьргара цхьаъ ма -даьлла, йуха а нохчий дIаэца болийна. Цу тIехула вайнаханий, урканашний йуккъехь хIинца эмгаралла а кхолладелла, цабезам а баьлла. TIe, кхузарчу коменданта, Мехачевс а, шена аьттонна, и урканаш къайлаха вайнахана дуьхьал иракарахIиттабо а боху. Тахана вокзалехь нохчех леттарш а уьш бара.