bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнаша ца дицдо

Магомет Абуевич Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

– Валийта! – элира Тавсолтас. – Вайна къонахий оьшу! Тохара цара и цкъа охьатесча а, вай схьаийцира. ХIинца а вай схьаоьцур ву. Кхин дIалур а вац! –шен дош тIечIагIдира цо.

– Мила ву и ван, цу тайпана йаздийриг? – хаьттира Тавсолтас.

– Шайн –суьйлех… ЖIай ву…

– Эхь а ца хетий хIетте а, имам Шемал а ма хилла жIай! Хьаьж-Мурд а ма хилла жIай! ЖIай вайн ДегIастахь лоруш къонахий ма бу… Эхь ма ду и… Баккъал а вуй-те и йаздийриг жIай? – йуха а хаьттира Тавсолтас.

– Ву… ГIараваьлла жIайн йозанча ву…

– Ма тамашена ду и, жIайн амалехь хIинццалц ду олуш а ма ца хезнера ор чу воьжначунна тIе тIулгаш кхуьйсуш…, мелхо а чу лами кховдош дара-кх ламанхойн Iедал… Ма эхь ду иза! – корта ластийра Тавсолтас.

– Делахь а, цо бехказвуьйлуш, эхь хета шена, бохуш, жоп а даийтина, вайн йаздархоша, Базоркин Идриса, Яндиев Джамалдас, Муталиев Хьаж-Бекара шега, бехк боккхуш, дахьийтинчу кехатна дуьхьал… Цхьадолчу aгIop иза цуьнгара йаьлла къонахалла а, дера, лору аса-м, – элира Тухана.

– Атта лору!.. – корта ластийра Тавсолтас. – Гой хьуна, цо вайна ша аьлларг дуьненна а хозуьйтуш, мохь тоьхнна аьлла, ткъа ша бехказа волуш аьлларг цо, нахана ца хозуьйтуш, вайн лере а таьIна, шабарца вайгга аьлла, мацах: «Диг хьенан дайна шун?» –аьлла, кхайкхийначу моллас санна, –тIетуьйхира Тавсолтас.

ГондIарнаш тIетайра.

– Бакълоь Тавсолта! Бакълоь! – тIечIагIдира Рашида, хIинца иза собаре а, синтеме а вара, амма йуьхьа тIехь ойлане хетара. Эххар белшаш тIехь корта, меттах ца хьовш, богIабелира цуьнан, бIаьргнегIарш охьадийшийра цо, ткъа гоьлана тIедиллинчу цуьнан аьрру куьйган пIелгаш дайн дIасхьа дуьйлира: иза иштта хуьлура, цуьнан дага чохь цхьа мукъам айбелча.

Массарна а лаьара цо цхьа илли олийла, амма и цуьнга хьахор кху сохьта хотIехь ца хетара.

ЦIеххьана Рашида, шен аьрру куьг лере а даьхьна, ша элира:

– Ас цхьа илли алий шуна? Бехк ма биллалаш… Iожаллина дуьхьал…

Массо дIатийра. Рашида дегийра дитташ тIера гаьннаш а, ладоьгIучийн дегнаш а, дукха хенахь дуьйна а хезна доцчу вайнехан иллица:

ХIай, шийла Iожалла, хьо стенна хьоьжу соь,

Iуьйкъенах терачу хьайн бесчу бIаьргашца?

Вуьшта а хаьа суна сол тулур йуйла хьо,

ХIетте а ас хьуна ца туху корта!

Хьо йацара жимачохь сан йалхо хилла,

МостагIий эгабеш, сан луур кхочушдеш,

Сан тоьпан йуьхьиго царна тIе хихкинарг,

Со гахь а йегаеш, хьуо суна йаьцнариг?

ХIай, шийла ва латта, соь буьрса ма хьежа,

Буьйсанах терачу Iаьржачу бIаьргашца!

Хаьа суна, маццаъ цкъа хьайн йист ахь гIаттор йуй,

Со дIа а хьулвина, йуха ваьштатоха.

Амма со цуьрриг а вегавац хьох а:

Хьо дац ас жимачохь, пурхенаш хедош,

Цу бергийн татанца сайн динца хьешнарг,

И лаьмнаш ас идош, цецдаьлла хьежнарг?

ХIай, маса ва зама, ма йетта сох шело!

Хаьа суна, ахь со а халкъалахь вицвийр вуй,

Iаламал тIехйуьйлу, лаьмнаш а дIашарде,

Массарел тоьлла хьо, сол а хьо тулур йуй!

ХIетте а со хьох а ца кхоьру, хIай зама!

Со вацара, ойланийн нуьцкъалчу тIемаш тIехь

Хийлазза жимачохь хьол хьалхавийлинарг?

Хьан а ницкъ хир ма бац со сихха вайа!

ТIехула йаьржина – бохь боцу и стигал,

КIелхула даьржина – бух боцу латта.

ХIетте а лаьтта уьш адам мел деха:

Уьш лаьтта, уьш лаьтта адамийн дегнаш тIехь!

Ша ваьлча, жимма ладоьгIуш а Iийна, Рашида дийцира:

– Цунах Iалсолтин илли олу. Амма сан кIентан цIарах дац и. Тоххара, Граждански тIом болчу хенахь, Нохчийчуьра тхан ГIалгIайчу веанера, Гикалогара цхьа пакет Орджоникидзега дIакхето, цхьа къона нохчо-партизан Iалсолта. Тхан йуьртахь, тхан хIусамехь Iийра иза, кIира доккхуш. Цул тIаьхьа кхин цкъа а дуьхьал а ца кхийтира и. Схьагарехь, и вара бакъволу илланча. И илли элира хIетахь цо тхоьгахь. Со хIетахь иттара ваьлла, амма, иллеш дезаделла, уьш Iамош вогIура. Цуьнгара Iамийра ас и. ХIетахь дуьйна диц а ца ло, амма наггахь бен-м ца олу – сов хала ду и…

Вовшийн Iодика а йина, массо a, гIap йайина, дIасакъаьстира. Тавсолта, вухавогIуш, корта оллийна вара, иллино чахчийна, цуьнан ира йу кIорггера шен дагах Iоттаелла: «Тахана гу тIехь суна дага ца догIуш хIун диси? Массо а дагадеара суна… сайн ваша воцург! Телхина-те со?» – ша-шена реза вацара Тавсолта…

Беша тIе кхаьчча, цига а ца воьрзуш, тIехваьлла, шен новкъа вогIура и: болх балучохь вацара и тахана. МаьркIажан хан йулуш, чукхечира Тавсолта. ГIелвелла, нара тIе агIорвелира:

«Валале цкъа дIа, мукъна, кхачахьара цига… ХIумма а дацара-кх цигахь цхьа а кхин бакъо ца лахь а, дуьххьалдIа, са а доьIуш, вист ца хуьлуш, цигахь дIасахьежа витчахьана», – дагатесира Тавсолтина.

ЦIеххьана чувелира сакъераделла Керим.

– Гой хьуна, – элира цо, – вайн гIуллакх котдаьлла догIу. Вай оччадийла эшац! – стоьла тIехь даржийра цо газета: «Къинхьегаман байракх». – Нохчийн маттахь Алма-Атахь арахеца долийна хилла xIapa… Хьажал!

ШолгIачу агIон тIехь очерк йара, «Йахь йолу йижарий» аьлла, лакхахь Селитин, Нурседин сурт а долуш. Можах кахьаькхира Тавсолтас, Керима дийцира цунна, хIинца Алм-Атахь нохчех цхьацца накъостий ЦК-хь балха хIиттор а, вайнехан маттахь радиопередачаш йолор а.

– Вайнехан гIуллакх талуш догIу. ДIахоьцуш бу, тохара эрна лецна, вайн шира партийцаш а. Белхаш а лур бу, маьрша дIаса а лоьлуьйтур ду, боху, кестта! – воккхавера Керим.

– ЦIа маца дохуьйту? – цхьаъ дара Тавсолтин дагахь даим.

– Хаац… Кхузахь… цхьанхьа меттиг а къастийна, автономи йала а мега… йерриге бакъонаш йуха а йерзош… Иштаниг а дуьйцу…

– ХIан-хIа! – нара тIера хьалаиккхира Тавсолта. – Кавказехь бен эшац суна цхьа дахар а, йа бакъонаш а!.. Лаахь, бакъонаш а ма ло. Амма дай баьхна меттигаш схьайа!.. Сайн дайн кешнаш долччохь лаьа суна вала а!.. Ала а делирий и хьоьга?! Ца моьттура суна ахь и эр ду а!

Шеконе хьаьжира и газете а.

Селитас нохчийн маттахь газета тIехь зорбатоьхна цхьа илли дийшира дена:

ЦIеххьанчу орцано сихонца айвина,

Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,

Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со,

Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо:

Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзийча,

Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдисча,

Бохамна, харцонна йуьхь-дуьхьал хIоьттинчохь,

Собарах, стогаллех ма довла боху цо11.

Тавсолтин бIаьргаш цхьана метте догIаделира:

– Ишта йаздийраш а бу?

– Бу, – элира Керима. – Амма цу йуккъехула, къоман гIуллакхах хIинцале шайна хазна йаккха гIертарш а бу… Муьйлуш, сакъоьруш, эхь дайъина, чинашка кхийдаш… Дукха хан йоццуш цхьамма ЦК заявлени а йаздинера: ша хила хьакъ вара хIокху газетан редактор, важа дIа а ваьккхина, иза кулакех ву, аьлла.

–Тпуй! Делан неIалт кхунна! Декъаза къам хилла-кх вай! Декъаза! Сел кIезиг бен боцчу вайн дешначаралахь а оццул йовссарш хилча! Делахь а, газете а йазло, чу радио а йиллийта вайна, ши йоI! – омра дира цо мехкаршка.

* * *

1957-чу шеран июлан довхачу дийнахь колхозан контора йуьззина чугулбеллера правленин а, парторганизацин а жигархой. Райкоман векало хаам бира хIинцца Москвахь антипартийни группа йохийнчу ЦК-н июльски Пленумах лаьцна. Партин ХХ-чу съездан толам цо кхин цкъа а тIечIагIбинера.

Цул тIаьхьа кхин а чIогIа хийцаделира нохчийн а, гIалгIайн а, массеран а дахар: болх кхин а диках балора, синпаргIато алсамйелира.

Нурседий, Селитий чIогIа йоккхайера хиллачу хийцамех, амма массо хIуманахчул боккха тамаш бора цу шимма хIинца Тавсолтин хийцавелла варах.

ДегI айделла вогIура хIинца балхара цIа Тавсолта. Цуьнан аз, тохара цIахь санна, йуха а стамделлера, ондда догура, цIоцкъамаш кIелхьара, декъа лепачу бIаьргийн нур а. Са чу деана, бедарца а лерина лела велира и хIинца. Маж–мекх а йуьртан парикмахерскехь доцца лоргуш, басардайтира: «Шемала а дуьллура гIина», – шена бакъо карийра цунна. Оцу хийцамах къаьсттина цецйаьллера Селита: «ХIун хила гIерта техьа?» – ойла йора цо. XIopа сарахь, кечлой, араволура воккха стаг. Кхин а цхьа хан йаьлча, массо уьш чохь а болуш, дог ца догIучуха эккхийтира дас:

– Зуда ца йалийча а вер вац!

Селита цеце дIахьаьжира цуьнга:

– ХIунда?

– «Цхьаъ мегар а йац, цхьаъ йоцуш мегар а вац», – кица далийра цо.

– Зуда йало хан йу хьан, ва дада?

– ХIинцца бен ма ца ваьлла со кхузткъара а…

– Мила йу и, дада? – хаьттира Нурседас.

– Джейран, – хIинццалц къайлехь латтийнарг гоьделира. Ши йиша, йист ца хуьлуш, IадIийра. Цу шимма и дика тIе ца эцарна, дог эшна аравелира Тавсолта.

– Хьо хIунда йац реза, Селита? Йалайайтахьа. Ца го хьуна цуьнан тохавалар?.. Боьрша ма ву и. Джейран вон стаг а йац.

– Кху вай цIа гlyp ду боххучу муьрехь, сов йуккъехула хета-кх… Иза а эцна… ненан коша тIе а муха хIуьттур ду вай. Суна-м хьарамло хета и!

– ХIунда хета? Вайн нана йелла дейтта шо даьлла. Цхьаболчара-м зудчунна тIе а йалайо зуда… И йу-кх хьарамло!.. Йалайайтахьа! Дуьне дай xIapa-м!.. Цунна доттагI а, вайна нана а хир, сан бераш а Iалашдеш…

– Ша йаллалц вайна йаьцнарг кошахь Iуьллу, ткъа xIapa сакъера ваьлла!

Нара тIехь йелла Iиллинчу ненан берчаш йолу куьйгаш дагадаьхкина, къурдаш дан йелира Селита.

– Ма йелхал, ма йелхал, сан йиша! Даим белларш лоьруш, муха Iийр ву дийнаниг, шен гIуллакх а ца деш. Ма йелхал!

–Ткъа… эхь, оьздангалла, вовшашна хьанал хилар стенга даха деза кху дуьнен чуьра? Буха буьсучара а иштта сиха бицбеш хилча,… баха а хIунда баьхна-те вайн белларш?

– Баьхна-кх, шаьш баллалц, дуьне дууш… И дуьйцуш Iачул хьайга хьажа. Хьан-х ткъе итт шо кхечи! Муха Iийр йу пхийтта шарахь… тIехьийзинчу кIентан чIир кхобуш. Волчара а маццах догдиллина цунах.

 

– Хьажахьа цуьнга! И стенна дуьйцу ахь?!

– Дуьйцу-кх, хьо сайн йиша йолу дела!.. Хьо сайн цхьаъ бен йоцу дела! Сан-м кхин йаций хьо бен! – йишина марахьаьрчира Нурседа. Ший а йилхира вовшийн марахь…

Тавсолтас дукха хан йалале, кхин «совнаха гIap ца йеш», Джейран йалийра. Шакен-агIай, Кульджанний резахилира цу захалонна: «ХIума дац, хаза йехийла ду. Доьзал а оьзда бу»…

Джейрана сиха шегахьа дехира йижарийн, берийн дегнаш.

Даим йекхайелла, чохь цIена, доьзалца мерза Джейран ца йезайала хала дара. Тавсолтин суьйренца аравийлар а сецира.

МОСКВА– СОЧИ

«Джамбул» колхозо тIаьххьарчу кхаа шарахь йалта лелор, даьхни дебор областехь массарчул хьалхадаккхарна, цунна дуьххьара йелира кар-кара лун республикан ЦIен Байракх. Дукха колхозхошна «Байлаттанаш карадерзорна» мидалш а кхечира.

Обкоман тохарлеррачу векало Нурседин, Селитин кара мидалш ша дIайеллачул тIаьхьа, шинне а кестта, хьалхарчу августехь, Москва-гIала выставке йаха путевкаш а йелира. Массара къобалдира и…

Тавсолтас хала новкъа йалийтира ши йоI. Джейраний, Керимий сов чIогIа дехарна тIетайра иза: цаьрца, кхин а, цу колхозера бевза мехкарий а бара цига боьлхуш.

– Шуьшиъ цхьаьна хиларна тIетов со, амма… ледара ма лелалаш! Вовшах ма йаьллаш, – элира Тавсолтас вокзалехь. ХIорш новкъа баха Луценко а, Керим а веанера. Кесира, могуш а ца хилла, йиснера.

* * *

Москва дуьххьара гучу йижарша, шуьйрра диллинчу бIаьргашца чухудура столицан исбаьхьалла: «Выставка, метро, МГУ, Москва-хи, Йоккха театр, Лужникера стадион, Лекха цIенош, Кремль, Мавзолей» – иштта йара экскурсин коьрта маршрут. Массанхьахула, сих а ца луш, цхьана кIиранах, чекхбехира хIорш экскурсоводо.

Мавзолейга а хьаьвсина, Кремлан кертахула йогIуш:

– Къа-йаI, xIapa меттигаш ганза беллачийн! – эккхийтира Нурседас.

– Къа-йаI бIаьрзечийн а! – тIетуьйхира Селитас.

Маьлхан зIаьнаршлахь малхал а сирла лепаш, Кремлан ширачу килсийн лекха момсарш, дешин нуьрах йогура… Чекх са а гуш, Iаь сегара Москва-хи тIера, лам чохь санна, кийра Iабош, цIена хетара хIаваъ.

– Хьажахьа! Жоьжахатера Йалсамане кхаьчна шайтIа санна, селхана меттах а ца хьайтина вайша… тахана Москвахь!.. Кремлехь!.. «Цо» адам йуххе а ца дитинчахь!

XIapa шиъ «Йоккхачу тоьпе» нисйелча, цхьамма-м тIехьахула кхайкхира:

– Селита!.. Нурседа!..

Цхьа тамаше девза аз! Йухахьаьжча: Ахат, цуьнца Асеткуль, церан исс шо хир долу кIант… Марат.

– Марша догIийла шу! Ас декъалдо шун паргIатдовлар! – Ахат, цуьнан зудий, ший а Iилманан кандидаташ дара хIинца.

– Селита, хьо-м хIумма а къан ца йелла! – элира Ахата.

– Хьо жимма стамвелла, Ахат… делахь а, тохара санна, каде ву! – элира Селитас.

Асеткулан йуьхь кIеззиг кхоьлира: цунна ца товра, доцент волчу, шен майрачун цIе иштта йай йаккхар.

– Ахат Шакенович шен физкультура йан волавелла йуха… кестта хьалхалерраниг хир ву, – йелакъежира Асеткуль. Иза иштта дуьххьара ца дора цо. Оцунах кхийтира Селита:

– Миска йаI-кх… Ца хаьа-кх цунна, – ойла хилира Селитин.

– Ахат! ТIаьхьадуьсий-те вайша? – хаьттира Асеткуля.

– ХIа!.. Бехк ма биллалаш!.. Телефонехула Алма-Атаца къамел ду тхан… Xlapa йу тхан телефон, – Ахата, йаздина, кехатан цуьрг дIайелира Нурседе. Церан телефон а дIайазйира:

– Телефон тохалаш!.. Гур ду вай!.. – аьлла, дIадахара и шиъ, безамехь делакъежна.

– Ма товш стаг ву и! – Селитега хьаьжира Нурседа. – Дохкойаьллий хьо?

– Iовдал! Ахь хIун дуьйцу йуха а? Иза-х вайн гергара ву хIинца дуьйна!.. – Селитас сацийра шен йиша.

– Хьажахь!.. Со Iовдал баккъал а йицйеллера, хьуна!..

Ший а, йуха шайн гостиницерачу хIусаме кхаьчна Iаш, суьйранна йалх долуш телефон йийкира. Нурседас схьаийцира.

– Нурседа! Хьо йуй и?.. – Ахат вара. – Суьйре дика хилда! Тхойшиъ кхана кеманца Сочи доьду садаIа цхьана кIиранна… Асеткулян ден дачехь… Асеткуляс а, аса а… шу реза делахь, тхайца цига садаIа кхойкху шуьшинга…

Телефонан мукъ Асеткуляс дIаийцира. Шегарниг Селите дIакховдийра Нурседас:

– Билеташ а Ахата хуьлуьйтур ду… Цигара дIа ший а новкъа а йоккхур йу… Селита, дика ойла а йай, цхьа сахьт даьлча, телефон тохалахь… Тхо хьоьжуш Iийр ду…

Селитина эхь хийтира:

– Нехан доьзалца… Нехан даче… Ткъа вайн дена а и муха хетар ду?

– Ахь хIун дуьйцу, сан йиша? ХIинцца дацар ахьа и вайн гергара ву аьлча?.. Тавсолтин-м и шиъ кхин а гергара хуьлий-ца!.. Со-м йоьду, хьо ца йодахь а! – бегаше карзахйелира Нурседа. ТIаккха баккъал а:

– Селита, вайшиннан отпуск дIайала хIинца а кIира дисна… Ахча а тоьур ду… ГIуо вайша!.. Москва!.. ХIинца… Сочи!.. Дуьненна а йевза гIала-курорт!.. ХIорда йисттехь! Ма хир дара иза!.. ГIуо вайша!.. Кхин иштта меттиг йер а йац!.. Лийр йу-кх вайша и кхин ца гуш цкъа а, хIинца а ца йодахь… ГIуо вайша!.. Мел хаза йуьйцу иза!..

Селита тIе ца йоьрзура: эхь хеташ, корта ластийра.

– Со-м йоьду!.. – чуьрайелира Нурседа.

– Ца хаьа суна-м хIун дер а?.. – ойла йоьхнера Селитин. ЦIеххьана телефон йийкира. Асеткуль йара:

– Ахата телефон тоьхна билеташ а билгалдина шуна… Ойла йиний аш, Нурседа?..

– Со-м реза йу! – аьлла, Нурседас телефонан мукъ Селите дIакховдийра.

Селитас, ийзалуш, элира:

– Дика ду!.. Баркалла!.. Шуна тхох хьовзам хирий-те аьлла, хетара суна… Дика ду!.. Баркалла… – аьлла, Селитас телефонан мукъ меллаша охьабиллира. Нурседас, тIекхетта, барт баьккхира йишин бесни тIе…

* * *

Асеткулян ден – профессор Карынбаевн – дача, дика сени а, кухни а, шиъ цIа а долуш, хIорда йисттехь лаьттара шина торха йуккъехь.

Цхьана цIа чохь, шайнна къастийна, дIанисйира Селитий, Нурседий. Цхьа де дайра дIанислушший, Ахата кхарна машенахь Сочи-гIала гойтушший, йуха, некъах садоIушший… Шина йишин тоха са а дацара сихха хIорда тIе кхача. Селитас, Iуьйранна хьалагIоттушехь, элира:

– Нурседа! Хьажахь: сийсара гIенах байра-кх суна хIорд.

– Самах ган ду! – йелаелира Нурседа… – Суна дендрарий а йуха гира… Островскийн цIа а гира…

Бердах чу а диссина, хIордан йистте кхаьчча, дIахьаьжжинчохь йисира Селита: цунна хезнарг а дицдеш, тамаше йара генна хьалха йаьржина йист йоцу сийна аре. КIайн кхесаш а кегош, дой санна, геннара схьауьду и лекха тулгIенаш, акха кой санна, кур бердах тухий, йуханехьа йовдура. Царна тIаьххьа схьашерша кегий тулгIенаш, берда йисте схьакхоччушехь, цициган кIорнеш санна, Селитин берзинчу когех хьаьрчира, мела гилгаш дохуш. Къаьрзина чухьоьжучу маьлхан зIаьнарша эзар суйнашца генна дIа къагийнера цхьанхьа а доза доцу хин экъа.

ТулгIенаша даим а цхьаъ дуьйцуш санна, хетара, цара дуьйцучух кхета йиш а йоцуш, амма цара дуьйцург, забаречух доцуш, дуьненах а тасалуш, адамийн дерриге дахарх доьзна, къайлаха маьIна долуш, цхьа доккха хIума хетара. ЛадегIа йоьлча, цара тIеттIа тIеуьйзура шайна Селитин тидам. Амма хIунда ду-те цу тулгIенийн лер гуттар а цхьабосса реза доцуш?.. ХIун боху-те цара? Стенга кхойкху-те цара адамийн синошка? ХIун ду-те царна шайнна къайллаха хууш, адамех тоса а луш, амма церан схьадийца ницкъ ца кхочуш, эрна дайнарг?

Нурседин тидам хилира Селитин ойлане латтаран:

– Гой хьуна!.. Хьо-х реза йацара!.. Йало!.. Луьйчур ду вай!..

– Дика ду… Шу дIогахь цхьаьна хила, со кхузахь суо хир йу, шуна гена йоццуш.

Нурседа кхийтира: Селитина эхь хетара чухуларчу бедарца Асеткульна хьалха лела. Асеткуллий, цуьнан кIант Мараттий, хIинца цаьрца Нурседий бийларца, гIовгIанашца хи чу кхиссабелира…

Селита, уьш хезехь, амма царна ша ца гучохь, торхан маьIига тIехьа, дIанисйелира: шена тIера охьайаьккхина тIехулара бедар тIулга кIел а йиллина, луьйчу хорма тIе а йерзийна, хин марайахара иза. ГIалахь цхьацца гIуллакхаш долу Ахат, сарахь ша кхарна тIаьхьавогIур аьлла, ваханера.

Селитина ша цхьа кIезиг чемхалг хетара йист йоцчу хIорда арахь, хьалахьаьжча, бух а ца гучу цу кIоргачу стигала кIел.

Бердан йистехьа оьзна, хи логгех кхоччучул бен гена ца довлуш, луьйчура уьш – Асеткульна нека дан ца хаьара, Маратиках а кхоьрура. Амма сихха хIордаца эвхьазйаьлла Нурседа, церан лаамара йолий, неканца буйн тIе кхаччалц а йоьдий, и, мара а йуллий, цигара схьахьожура:

– Кхузара хьаьжча, берд ма генахь а хета!..

– Иштта мегар дац, Нурседа! Ахь тхан сагатдо! Йухайоьл, – мохь тухура Асеткуляс… Амма вукху дийнахь а Нурседа ца Iapa и ца деш…

Селитас нека, тIехула тIамарш а ца йетташ, хин бухахула дора, когашца а хи дIахьоькхуш. Йукъ-кара, аркъал а йуьжий, стигала хьала а хьоьжуш, неканца меллаша хина тIехула дIашершаш, ша стигалан кIоргене чукхозайелча санна, хетара цунна.

Чубоьлхий, жимма са а доIий, йуха а схьабогIура уьш…

ШозлагIа де а дIаделира… Тахана малхбузе кхаччалц лийчира, чу а ца доьлхуш, йуург шайца схьа а йеъна. Байн мох баьллера, амма хи, мелхо а, кхин а дохделлера. Селитин букъ тIехула шерший, пханаршна йуккъехула вортан тIекхаччалц хьаладодура, ненан пIелгаш санна довха, хин гуш доцу лоппагаш. Дуьйсинчу ахкаргех тера, чекх са гу медузанаш, настарх хьекхалора, дайн чкъор а дагош. Генна хIурдан йуккъехь наг–наггахь хаалора ирхкхиссало даккхий чIерий: «Дельфинаш ду»… – дагадеара Асеткуляс дийцинарг.

ХIордана тIехула анайистте кхаьчна кема циггахь, ша хин буха чудоьдуш санна, жим–жима лахлуш, тIаьххьара а довра. Эххар малх анайухах хьакхабелира. Стигалан вукху агIорхьара схьакъеддачу беттасино хIордан экъана тIехула, дIабузучу маьлхан зIаьнарийн асанаш пурх а хадош, шен дато некъаш дехкира. Селита саготта хилира, маьркIаже тIехуьлуш гарна, амма Асеткулян, Маратан, Нурседин самукъе аьзнаш йуххехь хазарна мелла а даг тIехь синтем, ца бовш, лаьттара.

Лийча гIел а йелла, хи чуьра хьалаелира Селита. Малх дIабуьзира, амма са даза дара хIинца а. Луьйчу хорма охьа а йаьккхина, иза Iовда хIоьттира Селита беттан серлонгахь. Тахана шен доьзална тIе ван мелла а тIаьхьависна вогIучу Ахатна гира иза, торха тIехь некъо голатухучу ша кхаьчча: хIорда йисттехь, беттан серлонгахь, гата а карахь, и шен дегIах хьоькхуш, лаьттара Селита. …Ахатна цу сохьта хIунда хиира-те иза Селита йуйла?.. Цкъа дIахьаьжжинчохь висира иза масех секундехь. ТIаккха бIаьргаш хьаббина, жимма иштта а лаьттина, вукху новкъа а ваьлла, шен доьзалшна тIе вахара. Уьш, тIе хIума а йуьйхина, кийча Iapa, Нурседа а, Селита а цхьаьна чубаьхкира уьш.

Шаьш хIусаме хьаладовлуш, Ахата доцца дийцира тахана гIалахь шена дайна хIуманаш: дукха хан йоццуш Францехь шен гIантара воссийна, xIинца кхуза садаIа веъна, цигара хилла волу премьер-министр Эдгар Фор а гира, доций пхьуьйшаш долчу майкица, базарахь хазахета суьрташ дохуш лелаш. Цо суртдоккхург шена тIеерзийчахь цхьана, даккхий даьржина мекхаш а долуш, луьстта баьлла накха а гуш, цIен пес а тиллина, лимонаш йухкуш лаьттачу гуьржичо, тIевахана, кач лецира цуьнан:

– ХIей! Хьуна хьан бакъо йелла сан сурт даккха?

– Даккхийтахьара ахь! Хьо хазахетта воллура со. Тхешан Францехь а ас, дозалла а деш, гойтур дара хьан сурт, – элира Эдгара Фора.

– Хьайна лаахь, хьо соьга кхуззахь хьежа… Амма Францехь со гайта эшац! – дIахадийра гуьржичо.

– Ас мах а лур бара хьуна!.. даккхийтахьара ахь! – тIехьаьрчинера француз.

– Ахь хIун дей? Xlapa ши лимон а йу хьуна, цхьа мах а боцуш! Йахийта! – аьлла, лаьллира гуьржичо француз, гонахара нах а белош…

Сукарно (Президент Индонезии) а гира, буткъа хаза сараг а карахь, буткъа чIапа куй а тиллина, массарна вела а къежаш, машенахь порта хьалхахула тIехволуш… Вайн хьаькамашца цхьаьна… Тахана хезира Сталинан, Бериян кхузахь мел хилла дачанаш – йерриш а халкъана дIайекъна хIинцца бевлла, бохуш…

Чукхаьчча, кхин а бехха Iийра уьш, чай молуш, Ахатан дийцаршка ладоьгIуш… Вукху дийнахь Ахата а, Асеткула а, шаьш билеташ а эцна, кеманца новкъа яьккхира ши йиша – Алма-Ата… Цигара Джамбуле цIерпоштаца йаха аьтто бара.

ЧЕКИСТАН БIАЬРХИШ

Станце дуьхьалвеана Керим кхоьлина вара. Тавсолта ца веанера. Керимца лаьттара, кхушара дешна а ваьлла, цIа веана Каташ. Цуьнан бIаьргаш лешира, xIapa шиъ гушшехь. «Тавсолтина цхьаъ хилла-техьа?» – дагатесира Селитина.

– ХIун хилла?.. Дада?.. – хаьттира Нурседас.

– ХIан-хIа! И могуш ву… ЦIахь ву!

– Кесира йац!.. – элира Каташа.

ЦIеххьанчу кхерамо вехначуьра вастийнарг санна, мел гиначух а цу сохьта самайелира и шиъ. Ший а йоьлхуш кхечира чу.

– Кхин гур йац-кх!.. – тийжара Селита.

– Дера, гур йац!.. Ма йелха шуьшиъ. Тезет а дIадирзина… ДIайоьллина а кхо кIира сов ду… шу новкъа ма-девлли… шолгIачу дийнахь… Лоьраша, жаннийн лазарх дагна хьу кхетта, бохура, – дешнаш цоьстуш, дуьйцура Керима…

* * *

Кестталга цIа бахийта болийра паргIатбаьхна нохчий, гIалгIай шайн йухаметтахIоттийначу республике. Амма, дерриг къам кхуза кхалхош санна, цхьана дийнахь йуха ца дерзош, мелхо а, цхьацца церан тобанаш вовшах а йетташ, раьгIнаш а хIиттош, кара пропускаш а луш, чолхе нисделира нохчийн, гIалгIайн цIадерзар.

Къаьсттина хала кхочура пропуск… Шен шина берана а, шена а, йуха ТавсолтагIарна а пропуск йаккха тIаьхьаваьлла Керим, кхаа дийнахь къа а хьегна, и халла шен доьзалний бен ца нислуш, ша йуьхьIаьржа а хеташ, Тавсолта волчу веара.

 

– Дика ду хьуна мукъна, хилла, – аьлла, Тавсолтас дуккха а косташ дира цуьнга:

– Хьо цигахь хьаькам ван мега… Тхан цIеношка хьажалахь, уьш йухалуш дац бахахь а! Тхо а цIа догIур ду, пропуск ма-хилла… Нагахь санна, кхузахь сан хIетале кхалхар хилахь, сан весет ду хьоьга: харж ца кхоош, со цIа вахьар, вайн кешнашкахь дIаволлар… И дан а ницкъ ца кхачахь, ЦIечу берда тIехь суна чурт, мукъна, догIар… Изза ас хIокхаьрга а аьлла, хьуна. ХIан, кхин цхьаъ ду: дIакхаьчча, хьайн ницкъ маббу вайн кешнийн терго а йелахь…

– Дика ду. Кхочушхир ду. Са ма гатде ахь, Тавсолта, вай кестта цигахь вовшахкхетар ду!

– Идрисов Бакар а ву, бохура цуьнан зудчо, хьо ган лууш… Хьо цIа воьду аьлла хезча… цхьа кост долуш, – элира Нурседас. – Меттахь висна ву, бохура…

– Ваха веза!.. Цомгуш а ву… Кост а ду… Ваха веза!.. – тадира Тавсолтас.

Бакар волчу воьдуш, новкъахь Керима ойла йора: «ХIинца, мукъна, дийцахьара»… – йуха а дагахь дерг «1937-гIа шо» дара… цуьнан къайленаш…

Керимна цIеххьана шех эхь хийтира: «Иза вала воьжна, хIинца цомгуш Iуьллуш, меттахь ву… Ткъа со… и, валале аьлла, цуьнгара сайна «интервью» йаккха гIерташ воллу… къахетаран метта», – шена резавацаре корта ластийра Керима. Амма дагалаьцнарг дIа ца довра: «Делахь а, бакъдерг ма-дарра хаа лаар иштта къинехь а ма дац сан… Цо хIун до и къайле шеца дIайехьна?.. Бакъдерг даха бухадисчахь, бакъахьа ма ду массеран а дуьхьа»…

НеI тоьхна, чоьхьавелира:

– Ассалам Iалайкум, Бакар! Дала маршалла дойла хьуна… Ахь кхайкхина, бахара, соьга… Муха ву хьо? – куьг а лецира.

– Ва Iалайкум салам, Керим! Тоьуш ву со-м… Баркалла варна… Цхьа кост дара сан… Хьо цIаваха кечвелла бохуш, хезнера суна… Охьахаал кхуза…

Керим веъна, самукъадаьлла Бакар шен доцчу денца меттахь охьахиира, амма хьала ца гIаттавелира:

– Бехк ма биллалахь, Керим: гIopa дац…

Иза охьахиъча, серлонгахьа йирзинчу цуьнан йуьхьах бIаьрг кхетча, Керимна гира и мел хийцавелла: азделла бIаьргнегIарш, тIехулара дуткъий пхенаш а гуш, бIаран баса дахна можа дара, чукхетта беснеш макхйеллера, йокъа хенахь латта санна, тохара дуькъа Iаьржа хилла мекхаш хIинца тIехулара Iаьржа, амма орамашкахьа кIайн гора. «Миска, къанвелла: басар дан карах ца долу… Лергашкара чоьш а ду, ларгаза дисна, гуш… Дарехь кIелвисна»… – къахийтира цунах Керимна.

– Хьулимат! Схьайал хьуьлла этажерки тIера можа папка!..

– ХIинцца! – хьаша веъча, маса хьаьвзинчу зудчо, стол йуххе а хилийна, хьалха диллира чай, хьокхам, нехчий, кхерзина хIоашший. – Цкъа хьалха йуучух кхетал шу, – хьасене йелакъежира Хьулимат.

Папка Бакарна хьалхха охьайиллира.

– Керим, сан дехар ду хьоьга, хьуо Грозный-гIала дIа ма-кхеччи, xIapa папка кху адресца дIайалар.

– Цуьнан йишига, – йелакъежира Хьулимат.

– Муха? Кху тIехь-м: «Людмиле Павловне Сурупиной» ма ду.

– Делахь а… бакъ лоь и, – зудчуьнгахьа, велакъежна, дайн куьг ластийра Бакара – «йукъа а ца гIерташ, IадIехьа!» – бохучу куьцехь.

– И муха нисделла? – ца хаьттича ца Iавелира Kepим.

–Тоххара вайн цигахь колхозаш йахка йолийначу муьрехь Украинера, Россехара, мацаллех бевдда, вайн махка кхечира дуккха а доьзалш. Уьш вайнаха тIеийцира, шайн керташкахула боькъуш, дIа а нисбина. Людмила тхоьгахь, тхан нанна хьалха, хьалакхиъна, тхан фамиле а йаьлла, – сан йиша санна хилира.

–ХIетте а… маре… оьрсичуьнга йахара! – йукъагIоьртира Хьулимат. Йуха а, велакъежна, цуьнгахьа куьг ластийра Бакара.

– Иза а бакъ ду, – элира цо. – Тхан лулахь, нохчийн кхечу доьзалехь, кхуьуш вара, и санна мацаллех бевддачех волу, Анатолий Сурупин. Цунна, ша кхаьбначу хIусаман ден йоI Зебила йезайелира. Зебилин дас иза ца йахийтира цуьнга: йуккъехь хIинца кхолладелла вошалла ду аьлла. Цул тIаьхьа Анатолий тхан Людмилина тIаьхьавелира, цо и йехча, оха йахийтира иза цуьнга. Анатолийс резахилла дIайигира иза, амма… хIетте а, шен даг чохь Зебилин дена дуьхьал гамо кIоргге хьулйина хиллера цо…

– ТIаккха? – самсабелира Кериман тидам…

Бакар, цкъа ойла йеш, можа бIаьргнегIарш охьа а дийшина, соцунгIа а хилла, тIаккха хецца, дийца велира, Кериман хеттаршка а ца хьоьжуш:

– Анатолий дукха хан йалале цигарчу районан милици балха вахара, кестта НКВД-е а ваьккхира иза. ТIаккха… схьахазарехь, цуьнан гIоьнца, Зебилин да, кулак а вина, йоккха йукъ ца йулуш, бахамах вохийра. Бакъду, цIахь-м висира и, Сибрех ца вохуьйтуш. Амма хьиэ ца луш тIекхечира 1937-гIа шо… Анатолийс шен дог Iабийра…

Йуха а Бакара, соцунгIа хилла, ойлане охьадахийтира баьргнегIарш. Кериман тидам кхин а сакхбелира. «Ша ма вели хIара-м хIинца 1937-чу шарах лаьцна долчу дийцарийн новкъа… Кхерч ша-шax лети… ХIинца шен-шен хенахь цхьацца чIеш кхе тийса со ларийчхьана», – дагатесира Керимна.

– ТIаккха? – йуха а дайн хаьттира Керима.

– Ша дена бина бекхам ца тоьура цунна? Миччара!.. Иза а, цуьнан ваша а, шича а, Зебила йигнарг а – берриш дIалахьийра…

– И дан аьтто муха нисбелла цуьнан? Iедал а ма ду…

– Хилча хIун ду… 37-чу шарахь? ХIетахь НКВД-с шена луъург ма дора. ХIетахь Сталина йаккхий таронаш ма йеллера НКВД-на…

Керим хIинца майравелира:

– Бакар, – элира цо, серлайаьллачу йуьхьца, – хьоьга и хатта дагахь а долуш, амма ца хIуттуш Iара со хIинццалц, дийцахьа, делхьа, хIинца, мукъна, тахана и дийцарх хила хIума а дацара, – мича бахьнина долийра хIетахь бехк а боцу и нах таппашца дIалецар а, байар а? Хьанна оьшура и? Муха дIахьора аша хIетахь иза? Дийцахьа: хьо-х оцу йуккъехь ваьллина ву!

– Гой хьуна, и хьанна пайдехь, хьанна оьшуш долийра, суна а ца хаьа. Амма иза хIетахь дIа муха хьора гина ву со… И дерриге хIетахь баккъал а бакъ долчу суьртахь схьакхийдадора тхуна Москвара дуьйна, – цхьана а шеконе и дилла бакъо ца йуьтуш.

Москвара схьавогIура воккха хьаькам – йуьхьенгахь Ежовн цIарах, тIаккха Берияс воуьйтий. Меттигера НКВД-н хьаькамаш чу а гулбой, тхан лакхарчу хьаькаме шен бакъонаш дIа а гойтий, олура:

– Центрехь оха «оццул» подпольни антисоветски организацеш гучуйаьхна, «оццул» членаш шайна йуккъехь а болуш. Талламо гайтина церан цхьайолу зIенаш кхузахьа а схьакхочуш хилар. Лецначара схьадийцарехь, шун кхузахь а бу къайлаха дIатебна Iаш, цаьрца уьйраш а йогIуш, мел кIелхьара а «йалх эзар» сов (йа кхин терахь олура) советан мостагIий… Уьш аша, Iора а баьхна, новкъара дIабаха беза. И шун декхар ду. Шуна хьалхара иза оха центрехь дан деза моьттург гIалат ву. Центро и гIуллакх кхочушдан шуна кхо бутт хан ло… Йа: «йалх бутт», – олура наггахь. Цу тайпана къамел а дой, иза дIавоьдура. Тхан хьаькамо, тIаккха, массо а вайн районашкара НКВД-н куьйгалхой шена тIе схьа а гулбой, и «йалх эзар» «советан мостагI» воькъура царна йуккъехь, налог санна, xIop районна а шен-шен терахь кхачош. Белахь а, бацахь а и мостаIий кхолла безаш хуьлура… Иштта цхьа мур чекхбаьлча, кестта цунна тIаьххье, цунах тера, кхин цхьа мур а схьа тIекхочура, адамаш охьучу хьеран тIулг саца ца буьтуш, «мостагIийн терахь» тIеттIа совдохуш.

– Ой-н!.. – корта ластийра Керима, – шун чекисташна йуккъехь вацара цхьа а законехь доцург муьста хеташ?

– Муха вацара? Вара, хьаха: Ахьмад Межиев… Алак Ибрагимов… Рудаков… Кхин а… Шаьш байарх кхаъ оьцур боцуш, законехь доцург шайгара долуьйтур доцуш а… Амма царна а ма гора: бага гIаттийнарг, бех а вой, къайлавоккхура… Кхин цхьа хIума а ма дара, уьш а, уьш санна берш а, совцош: органашкахь даима а ма ю воински дисциплина: лакхарчо аьлларг бухарчунна закон долуш! Оцу бахьаница а ма белира Сталинан аьтто ерриге НКВД шена кIел хьарчо.

– Сила долу и законехь доцурш юха законан суьртахь нисдан а муха кхуьура?

– Ца кхуьура… Цхьа а ма дацара, царех хIетахь законца нисдина ду моьттурш а, Баккъал а дуьззинчу законехь нисдина: ерриге а и цхьа беззаконие яра-кх… Хьажал: прокурорера санкци хила еза, стаг лацале, амма и хIетахь йоккхура, стаг хьалха чу а вуллий. Ткъа прокуроро зуламхо чуволла санкци яла еза, масала, стеган бехк, бух боллуш, гучабаьккхина белахь, шиъ бакъ волу теш а, царел сов кхин а гуш йолу билгалонаш а йолуш. Амма хIетахь прокуроро шен санкци дIалора, НКВД-с ма-йиххи, цхьа а гуш йолу бехкан билгалонаш цахиларх. Юха, – суьдан меттан кхиэл а хьан йора? Цхьамма а хаьржина а йоцчу, цхьанна а хIун ю а ца хуучу «Тройканаша», я «особи совещанис»… Цхьа а защита йоцуш, я цхьа бакъо а йоцуш. Ткъа хIетахь бакъо хIун лорура? Цхьа а бехк банне а боцчо шен боцчу бехкенна даредар. Ткъа иза цаьрга дойтура: даре ца дечу «мостагIашна» цара даредаллалц ницкъбан бакъо а еллера!

– Муха? ХIун дора? Дийцахьа! – Керимна оцунах лаьцна дуккха а хезнехь а, хIинца кхуьнгахула ма-дарра дерг а хаа лаьара.

– Муха?.. Йеттара!.. ГIибавоккхуш! ЦIарнех герканаш ухкура!.. БIаьргашна дуьхьал тIех сирла лампанаш йагайора!.. Наб ца йойтура!.. Кхин масане дара уьш!.. Сихха велла а ша дIаволийла луучу хьоле хIоттавора лаьцнаверг… ТIаккха тIаьххьара а цо даре дора ша мел цадинчунна. Лаьцнарг йоза ца хууш хилахь, шайна оьшшучу aгIop шаьш протокол а хIоттадой, цуьнга, Iexa а вой, кIел куьг таIадойтура. Амма, иза а чекхдаллалц кечдан ца кхуьуш, байинарш а дукха хуьлура…

11М. Мамакаевн стихаш
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28 
Рейтинг@Mail.ru