bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнаша ца дицдо

Магомет Абуевич Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

– «ХIинца Сталинна а, Iедална а дIахиъна, бах, кхузара дуьйна вайн цIерпошташ Кавказехьа йухайерзайо боху. Вай йуха цIа доьлху»…

Амма… цIерпошташ хьалхахьа дIаоьхура!.. ДIаоьхура пана арахула, цхьанаэшшарехь чкъургийн тата а деш, шайн чкъургийн татанца и хабарш эрна хилар гойтуш. Оцу хабарша дог а этIадора Кериман, амма, цунна йуххехула, оццу хабарша кхин цхьа доккха бакъдерг а схьаухьура цунна: цара гойтура адамийн дегнашкара Советски Iедалх болу тешам, оццул боккха тешнабехк шайна бича а, дIабовш цахилар! Советан адамаш тешара Советан Iедалх – церан тешам байнарг Сталинан Iедал дара. Царна и хаа а ца хууш, цара буьйцу, йамартлонца Советан Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах, халкъана и тешнабехк бинарш а бара и Сталинний, цуьнан гIоьнчий МолотовгIаррий. Амма уьш Iорабахаза бара…

ЦIерпошташ дIаоьхура йист йоцчу пана арахула, мича оьху ца хууш, цхьана эшшарехь чкъургаша шайн тата а деш…

* * *

КеримгIеран эшелон йуха а сецира цхьана станцехь. Вагонан неIарш схьайоьллушехь, цIеххьана къегина малх чухьаьжира, чутуьйхира, мераIуьргаш а йагош, бIаьстенан xIyo: март-беттан хьалхарчех де дара. Аренашкахь Iуьллу ло кIадделла догIура, схьагарехь цIерпошт къилбехьа оьхура амма хIинца а и аре ма-йу, малхехь суйнаш а туьйсуш, ло дашаза лаьттара, генна дIа шен кIайн шаршуш а йаржийна. Керим цецвоккхуш, схьахезира цIеххьана гена йоццуш йетта, нохчийн жиргIа а, лоькху нохчийн кехат пондар а, нохчийн синкъераман маьхьарий а.

Цкъа Керим ша волччохь, ладугIуш, вогIавелира: «Баккъал а кхочушхили – те наха бохург?.. Духадерзош ду-те тхо?» – дагатесира цунна. ДIахьаьжира: дIо платформин майданахь, го бина, адамаш лаьттара. ТIевахана, хаьттича, кхузахь, КеримагIеран эшелонал а хьалха схьакхаьчна кхин шиъ, нохчех йоьттина, эшелон хиллера лаьтташ, цхьана бахьаница кхузахь хьеелла. Царна тIера кегийрхой хиллера уьш, цхьанхьара-м кехат-пондар а, жиргIа а карийна, сихйинна цаьрга болх а бойтуш, го а бина, хелхарш деш.

Керима тамаш бора: «Къоналла къарлур йац!»… – элира цо шен дагахь.

Цу сохьта цхьа нохчо – къона стаг – галпешца, эткаш йуьйхина, коьртахь чола куй а болуш, цхьаъ-м дагадеанчух, цIеххьашха йуххерчу вагонан лами тIе кхоссавелира. Мохь туьйхира:

– ХIей! Нохчий! Ненах сте йойла таханлерчу дийнахь ша корта оллийна гойтун волчо!

Йуха охьакхоссавелла, гонна йуккъе иккхина, хелхар долийра цо. Мехкаршна йуккъера меллаша схьакъаьстира, коьртахь цIен йовлакх а долуш, куьцехь цхьа йоI. Шен хаза пхьаьрсаш, лечанан тIемаш санна, шуьйрра даржийна, йайн шершина, кIантана дуьхьал йахара иза.

Дуьнен чохь цхьа а бала боцуш санна, цу шимма шайн хелхар дора, вовшашка бIаьцаш а йеш, вовшашна дела а къежаш.

– ХIорс-тох!

– Тох-хIорс! – бохуш, гонахарчу кегийрхоша иракарахIиттабора уьш.

Керим хьоьжура, меттах ца хьовш, бIаьрг тIера ца боккхуш. ТIеххьа лерехь цхьаъ-м вистхилира:

– ХIан-хIа! Довр дац нохчийн къам!.. Довр дац вай нехан доьналла!

Вухахьаьжча, Тавсолта вара лаьтташ, резахилла, шен можах ка а хьоькхуш.

– Хьо хIунда ца волу хелха? – гай тIе муьшка йира цо Керимна. – ЭхI-йаI-кх!.. Со велара-кха цхьа иттех шо къона! – тIетуьйхира Тавсолтас.

И хезна, галпеш йуьйхина жима стаг, шен хелхар чекх а даьккхина, тIевеара цунна:

– Ваши! Йукъавалахь!.. Айдехьа къоначийн дог!.. – хьасене дийхира цо.

Шен гIовталх, и нисйеш, куьг а хьаькхна, Тавсолта, дегI айдина, дайдинчу боларца йукъавелира:

– Же-йама, кIентий! – аьлла, тIараш туьйхира къоначо.

Хиъна мел верг а массо ирахIоьттира, сихдинна тIараш а детташ. Тохарлера, цIен йовлакх коьртахь долу, йоI тохара санна, шен хаза пхьаьрсаш шуьйрра даржош, дуьхьал йеара Тавсолтина.

– Же-йама, кIентий! – тохавелира Тавсолта хелхаргахь.

ТIееъна Селитий, Кесирий лаьттара йух-йуххехь, цецйаьлла, хьоьжуш. Хелхар чекх а даьккхина, Тавсолта, йоIана «баркалла» олуш корта а таIийна, шен метте, Керимана улло дIахIоьттира. РогI-роггIана шишша цхьана йукъадоккхуш, хелхаран бал дIакхоьхьура галпеш йуьйхина волчу кIанта…

Кегийрхоша кест-кеста мохь тухура:

– Тархан!.. Хазбика йаккха! – олий. Массарна а хазахетара цIен йовлакх коьртахь долу йоI. Тархан ша велира хIинца Хазбикица.

Вота йеттара, кехат-пондар бекара…

Эххар а, циггахь, дагахь доццург а хилира: Тархана Хазбикица, йуьстаха хилла, цкъа къамел а дина, нах бахийтира и йоьхуш, Тавсолта а коьртехь. Цу шимма бартбира, шаьш дIа ма-кхаьччи, цхьа доьзал беш, вовшахкхета. И хезна кегийрхойн синкъераме гIyгl делира.

– Же-йама, кIентий! ДIахьор вай xlapa бал!.. – мохь туьйхира Тархана.

Ши автоматчик тIевеара цунна.

– Валол тхоьца!

– Мича?

– Вагон-карцер чу!

– ХIунда?

– Низам лар ца дарна!

Иза цара дIавигира. Вуха а вирзина, Тархана мохь туьйхира, йоIана а хазийта:

– Суна са ма гатделаш: со вухавогIур ву, шуна!..

– И кIант вуй, и вуьззина къонах ву-кх, хьуна! – элира Тавсолтас Кериме…

– И санна берш мел бу духур дац-кх, хьуна, вайн къам!..

Цу хенахь оццу станце схьакхаьчна, паргIатчу платформе дIахIоьттира кхин цхьаъ нохчех йоьттина йолу эшелон. Амма иза, товарняк а йоцуш, сирла, кIеда вагонаш йолу, пассажирски цIерпошт йара. Цу тIехь а бара, махках а баьхна, шайн доьзалашца генна дIабуьгу нохчий, гIалгIай, амма уьш, муьлх-муьлханаш а боцуш, шайн цIахь дукха хан йоццуш хьаькамаллин гIуллакхашкахь лелла, Нохч-ГIалгIайн АССР-н хилла болу куьйгалхой бара. Iедало уьш, кхечарех къастийна, пассажирски цIерпоштахь, мелла а аттачу хьолехь схьабалабора.

– TIeгlo вайша царна? – элира Керима Тавсолте.

– Дера, ма гIyo со–м! Церан а бу бехк вайна хиллачун! Шайн белхаш бан ма-беззара цара бинехьара, вай ца дохон а мегара! TIe уьш буьззина вайнах белахьара, тахана а вайца хир бара…

Керим тIевахара, амма xIapa вагонна йуххехилча, берийн делхарна йуккъехула, бехначу нехан синкъераме гIовгIанаш а, маларан хьожа а схьатуьйхира хIокхунна диллинчу корехула. Чу а ца воьдуш, вухавирзира Керим а.

Пассажирски цIерпошт, йеха ца лаьтташ, вукхарел хьалха дIайахара.

Дукха хан йалале, цунна тIаьххье, важа эшелонаш а, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, къайлайевлира йист йоцчу Казахстанан аренашкахь.

ДЖЕЙРАН

Цхьана вагонехь нисбелла Кериман а, Тавсолтин а доьзалш балош, кIиранах а сов ихна, нохчех йоьттина товарни цIерпошт тIаьххьара а дIакхечира шен метте. Аьчган гIовгIанца цхьамма-м шуьйрра дIайиллира кхеран вагонан неI. Дуьххьарлера бецан хьожа цIеххьана схьатухуш, чоь йуьзира аренан xIyоно. Лекхочу дегIахь зоьртала сержант, кхеран гIарол, вела а къежна, чухьаьжира:

– ХIа! Схьакхечи! Охьадисса! – схьагарехь и ша а вара дIакхаьчна, сакъераделла. Массеран а сапаргIатделира. Вагон сихха йассош, шайн хIуманашца охьабиссира Тавсолтин, Кериман доьзалш а, кхиболу нохчий а. Уьш сержанта, спискица багар а беш, дIалора лейтенантан хормехь кхарна дуьхьал веанчу казахе. Гена воццуш лаьттара граждански а, эскаран а хормехь масех стаг а, стерчий доьжна дукха йаккхий хIургонаш а, нуьйраш техкина кхо-йиъ говр а. Гонаха, бIаьрго ма-лоццу шуьйра, бацо сенйан йолийна, шера аре гора.

Вагона тIера охьабевлла нохчий, багар а беш, лейтенанте-казахе дIа луш воллу сержант цIеххьана тидаме дIасахьаьжира: цхьаъ ца тоьура. Цецвелира иза – новкъахь моссазза леринера цо уьш?! Цу сохьта, сержантана а гуш, кхо нохчо сиха йуха вагона тIе хьалавелира. Цара, куьйгаш тIехь айина, охьаваьккхира цхьаъ: и вара и ца тоьуш хилларг. Амма иза велла вара ши-кхо де хьалха. Белларш, гучу ма-бевллинехь, новкъахь вагона тIера охьа а бохий, эрна арахь буьтуш хиларна, тIе гIум, йа ло хьокхий, цхьа а тайпа дIаволлар а, йа каш а доцуш, xIapa, цуьнан наха веллийла а ца хоуьйтуш, шен сонехь, бедарш а тIехь, дийна волуш санна, йаьшки тIе охьа а хаийна, схьавалийнера. ХIинца а, и лаьтта охьавиллинчохь а, цуьнан когаш сеттинчохь бисна гора, уьш халла нисбира наха. Балозан баса йахана йаьлла цуьнан йуьхь тамашена ойлане йара, иза хIинца а дийна волуш санна, цхьана хIуманах кхиа гIерташ, дуккха а къахьегна, амма цунах ца кхуьуш и висинчух тера. Сержанта цкъа ойлане корта ластийра, йуха велакъежна, цхьа кехат дIакховдийра дуьхьалвеанчу лейтенанте. Меллаша тIе куьг а таIийна, цо и духаделира сержанте.

Йуххера кхин цхьа вагон а йассийна, вукхеран ур-атталла неI ца йоьллуш, дIайахара эшелон, вагонан лами тIера сержанто схьа куьг а лестош. Йиш йоьхна хьийзара кхузахь вукху вагона тIера охьавоссийна, шенчех а хаьдда, ларамаза кхаьрца нисвелла, къежбеллачу коьртаца, хазачу, амма хIумма а са ца гучу Iаьржачу бIаьргашца, йерриге а Нохч-ГIалгIайн чохь гIараваьлла хилла илланча гIалгIа Рашид.

Шина а вагона тIера охьабиссийна нохчий спискашца дIаэцначу лейтенанта, уьш шина декъе берзийра: вукху вагона тIеранаш цо карабелира шеца волчу лахарчу лейтенантана, уьш хIургонаш тIехь цуьнга бига беззачу дIабигийта. Уьш хьалха новкъа бевлира.

ТавсолтагIеран вагонан «староста» хиллачу Кериме лейтенанта элира:

– Шу ас дIадуьгур ду. Амма… дакъа дIадахьа бакъо йац. Кхуззахь дIадолла. Сихо йе.

ТавсолтагIар докъана гонах хьаьвзира. Халла карийра жима йоьза гIуммагIа йуззал хи – ламазаш эца а, докъан гIуллакхна а. Гонаха хевшина баккхийчу наха цкъа доIанаш а дина, шайца Тавсолта а, Рашид а волуш, тIаккха докъана тIе а хIиттина, ирахь докъан-ламаз а дира. Леррина кхаьрга хьуьйсуш лаьттара хIорш дIабига баьхкинарш.

Йалх жимха сихха каш даккха хIоьттира гена доцуш. Веллачун нана, йоьлхуш, кIантана тIейетталора:

– Со йала хьан!.. Со йала хьан!.. – бохуш. Цуьнан гергара хуьлучу цхьаьна-шина стага, пхьарс а лаьцна, нуьцкъашха йуьстахйаьккхира иза.

– Дера, атта ма дац, – элира цхьамма, – шиъ тIамехь вийна, xIapa кхузахь дIавуллу.

– Делахь а, Далла хастам бойла ду: кхиберш санна, новкъахь охьа а ца кхуссуш, шен каш а долуш, дIаволлар хили…

Каш даьккхина делира: и башха хала а ца хиллера кху гIамаран арахь. Нах йуха а ламазашна дIахIиттира.

– ХIан-хIа! Эшац ламазаш! – аьлла, цIеххьана чухьаьдира веллачун нана. – Эрна ду уьш!– аьлла, тIехьаьдда, гIуммагIна мийра туьйхира цо, гIоддах ластийна, боьршачу стага ма-тоххара.

 

– Хьерайаьлла и!.. Сацайе!.. – мохь белира цхьаьнга. Тохарлеррачу шимма, лаьцна, нуьцкъашха охьахаийра и шен метте, тIехьашха ши куьг дIадоьхкуш.

Велларг коша чу виллира.

– Ма декъаза хили вай: Дала а дицдина, Сталин а дуьхьал ву, – элира цхьамма.

– Патармаш а кхоийна, ша-шаха дайа схьакхалхийна цо вай кхуза, – элира бIаьрзечу Рашида.

– Сталина-м хIун бехк хир бара?.. Цунна гонахачара дина хир ду xlapa, – кIаддира и Керима.

Веллачун нана къорра тийжара, цуьнан коьртах куьг хьоькхуш лаьттара Селита. Каш нисдина а даьлла, кошана гонаха хIиттира баккхий нах. Ойлане дIатийра.

– Вайн дуьххьара барз кху пана арахь… – эккхийтира цхьамма.

– ХIинца дуьйна и баьрзнаш даржор ду-кх вай кхузахь, – элира вукхо.

ТIаьххьара доIа доьшуш, йуха а охьалахбелира баккхийнах.

Лейтенанта шен гIоьнче, лере а таьIна, элира:

– Сихбел уьш хIинца!

Амма оццу секундехь, и аре а йекош, тамаше хаза аз даьржира генна гонах:

– «Йелха нана йоцучу кху пана арахь,

Тийжа йиша йоцучу генарчу махкахь»…

БIаьрзе Рашид вара и, коша йисте хиъна, аьтту куьг лере а даьхьна, важа гоьлана тIе а диллина, назма йолийнарг. Лейтенантана йуххехь лаьттачу, шляпа а коьртахь, галстукца, костюм йуьйхина волчу стага, иза, лере цхьа-ши дош а аьлла, вухаваьккхира шен омрах.

Рашидан аз, хIинца тIомадаьлла, генна дIаоьхура аренгахула, адамийн дегнех чекхдуьйлуш:

– Йелха нана хьан йеца и меца гила борз,

Када йиша хьан йеца и Iаьржа хьаргIа..

Гонаха лаьттарш массо дIатийра. ХIорш хIургонашкахь дIабига баьхкинчу, шайн стерчашна йуххехь лаьттачу къоначу казахийн коьрташкарчу малахайн ира баххьаш меттах ца хьовра. Селита, цецйаьлла, дIахьаьжира, баккъал а хIинца, ирчачу маьхьаршца кхузахь, мичара йаьхки а ца хууш, тIехула хьийзачу къийгашка. Рашида, ша Iаччохь вай-й дIаса а техкаш, тIеттIа чIагIйеш, дIахьора шен эшар:

Буьйса Iаьржачохь ма соьцу и сийна олхазар…

ТIом луьрачохь ма соьцу дог майра ва кIанат…

Рашидан аз гуш йоцчу тулгIеш тIехь дIаоьхура генна, лаьттах духдуьйлуш, стигалашна доьлхуш:

Хьалахьаьжча, вайна го бухбоцу и стигал

Вертан метта йуьйхина зарзйинарг мила ву?..

Охьахьаьжча, вайна го и Iаьржа латта

Мачийн метта дуьйхина тишдинарг мила ву?..

Адамийн дахар дуьненан паналлина гергахь дош дацар а, амма кху дуьненахь дахарал дош долуш кхин хIума цахилар а – цхьабосса чIагIдора эшаро. Селитас шен дагца чухудура цуьнан маьIна, эшаро цунна хьалхахIиттадора «тIом луьрачохь соьцучу» кIентан сурт: хIинца Селитина а гуш, иза Iуьллура гена махкахь цхьалха, мостагIаша вийна, гонаха йиш-ваша доцуш, тIехула, хIинца кхузахь санна, маьхьаршца къийгаш а хьийзаш. Амма кура кIант, «сийна олхазар» санна, шен синтем лоьхучех хиллехь, хIинца а вехаш а хир вара цхьанхьа, амма цхьанна а ву-вац а ца хууш. Цу кIанта, шен синтем ца лоьхуш, шен са а ца кхоош, мелхо а, тIамна тIех ца волуш, «тIом луьручохь» сецна, ша вейтина бакъонгахьа къуьйсуш. Цундела и хIинца а веха адамийн дегнашкахь, Рашидан иллица, Селитин ойланехь кху геннарчу махкахь шен амат йуха ден а луш. Селитин бIаьргара хин тIадам гIамарла буьйжира: иза йерриг а эшаро дIалаьцнера.

Эшарийн марзо дика йевзачу, дIогахь, гIарйайина, лаьттачу казахийн а йаххьаш цIийеллера: дешнех ца кхеттехь а, амма эшарийн лазам церан дегнаш чу дIакхаьчнера. Массо а дIатийра шаьш болччохь, хIинца Рашида, ира а хIоьттина, аз кхин а чIагIдеш, шен тIаьххьара дешнаш олуш:

Дуьнен чохь ца биъна и мерза ва безам

Ха харццал доцучу готтучу лахьти чохь

Биънарг а мила ву?..

Селитин бIаьрхиш охьаоьхура, эшаран тIаьххьарчу дешнаша кхойкхура массо адамашка кху лаьтта тIехь, вовшашца барт а болуш, ирс долуш хиларе.

– Сихбел уьш хIинца! – омра дира лейтенанта шен гIоьнче йуха а. Цуьнан гIоьнчаша, дIасахьаьвдда, доьзалш цхьаьний а нисбеш, шаьш гIo а деш, хIургонаш тIе ховшийра мухIажарш, массо а, шайн хIумнашца.

Нохчех йоьттина хIургонийн къепал, эшелон санна йеха, новкъа йелира.

Уггаре хьалхарчу хIургонахь бара Кериман доьзал. Церан хIургонна тIехьа а хиъна, ши ког охьа а кхозийна, гIийла шен узам а беш вогIура Рашид а. Царна тIаьхьарчу шозлагIчу хIургонахь, йух-йуххе а хиъна, дIаоьхура Тавсолтий, Селитий. Селита тидаме дIасахьаьжира: дIо, хIорш охьабиссийнчохь, аьчган некъаца лаьтта и цхьа цIелиг доцург, кхин цхьанххьа а гуш йа цIенош а, йа дитташ а доцуш, бIаьрго ма-лоццу шуьйрра дIасайаьржинера хIинцца соьналла тоьхна аре. ДIо геннахь, аренан йисттехь, анайух стиглах дIахотталуччохь, стигалан сийначу баса тIехь Iаьржа гуш къаьстара, цхьаъ вукхунна тIаьхьа йоьду ши эмкал, тIехь адамаш а долуш. «Мичахьара мича боьлху-те уьш кху йист йоцчу арахула», – дагатесира Селитина. Ша йичахьана хIинца дуьххьара цIера йаьллачу Селитина цIеххьана инзаре йоккха а, йеса а хийтира xIapa йист йоцу паналла:

«Кхузахь муха деха-те и адамаш?» – йуха а дагатесира цунна.

XIopш тIехь богIу хIургонаш а, цIахь ца гинчу тайпана, йехий-йаккхийра йара. Кхузахь царех рыдванаш олура. КеримгIар тIехь болу рыдван гIийла цIийзара, шина старо халла дIатекхош.

Тавсолтий, Селитий тIехь Iачу хIургонах боьжна, йеха маIаш йолу, боккха ши сту а партал техкара. И стерчий а, цIахь, ломахь гиначех тера доцуш, кху аренашца ма-товв, тамашен даккхий хетара Селитина. Амма даккхий делахь а, уьш меллаша догIура. Стиглахь, йуьхьанца хилла мархаш дIа а йевдда, хIинца малх берриг гучубелира, xIapa бIаьстенан хьалхарчех долу де серладоккхуш. Мокха, йеса хетта аре хIинца цIеххьана самукъане къегира. ДегIана там беш, Тавсолтина тIе хьоьжура бовха малх. Шен кетар, схьа а йаьккхина, кIелйиллира цо.

– Дада, итт де а далале, Iаьнна йуккъера бIаьстенга кхечи-кх вай! – тамаш бира Селитас.

Де сиха дохлора. ХIетте а кхеран стерчий лоьхкурш кетарш а тIехь богIура, улло бевлла, шек а боцуш, ира баххьаш долу цхьогалан можа куйнаш а техкина. Уьш йукъ-кара кхаьргахьа гома схьахьовсура: царна бериянцаша хьалххехь дIахаийтинера нохчий, беран цIий а муьйлуш, адамаш а дууш, акхарой ду аьлла.

– ДIа маца кхочур-те вай? – хаьттира Селитас.

– И тайша сту кIеззиг ларшха бу, тIе, вайн киранчаш башха каде а бац, –элира Тавсолтас.

Амма цу сохьта, ира йуьхьиг йолу беха сара туьйхира кхеран стерчий лоьхкучо аьтту aгIopчу стеран вортанах. Реза бацарца шен йеха маIаш йуха а ластийна, старо ког масабаьккхира. Важа тIаьхьа соьцура. Цунна а ластийна туьйхира къоначу казахо. Шина а стеран вортанаш тIехь, уьш дукъах хьекхалучохь, даьIнаш гора. Жимма хан йаьлча, церан болар йуха а малделира: Iаьнан докъарх а хаьдда, бIаьстенан керлачу бацах а дузаза долу стерчий, серий санна, шайн пIендарш а гуш, гуттар эгIаздевлла мур бара. Царна йуха а оьгIазе тIекIирвелира казах, сара бетташ, тIаьхьабогIучарна а хьем боккхура цара.

– «Ма къиза бу хIорш!» – дагатесира Селитина.

– Ма йетта алахьа! Къа дац церан! Хьайбанаш ма ду уьш, Дала а кхоьллина! – элира Тавсолтас йоIе. Селитас оьрсийн маттахь иза шега дIааьлча, хьаьжкIийн буьртигех тера луьста кIайн цергаш гучуйохуш, велакъежначу казахо:

– Билмейман!3… – аьлла, стерчашна йуха а сара ластийра.

«ХIорш-м вайл а тIаьхьабисина ма бу», – аьлла, хийтира Тавсолтина. Уьш дуьххьара гучу Селитина церан йаххьаш сов горгий, марош кегийра, бIаьргаш вовшашна гена ховшийна, ткъа массо а вовшех цхьатера хийтира уьш. Доккха са а даьккхина, йухахьаьжира Селита: йа галц а, йа очакх а доцчу шерачу новкъахула генна могIа бина йогIура, эмкалш санна, и даккхий стерчий доьжна йолу, нохчий шайн керлачу метте балош йогIу xIypгонийн ковра. Iожачу говрахь, оцу могIанна цкъа коьрте, тIаккха цIогане хьодуш лелара, хIорш спискица багар а беш схьаэцна, лейтенантан хормехь волу казах. Иза шайга хIинца нисвелча:

– Тхо дуьгу меттиг йийцахьа! – хаьттира Селитас.

– Джамбулан цIарах колхоз йу… Жал-тюбе-Юьртахь… Са ма гатделахь, цуьрриг вон йурт йац хьуна… – жоп делира цо цIеначу оьрсийн маттахь.

Хьалхарчу рыдванна тIехьа хиъна, шен узам а беш вогIу бIаьрзе Рашид кхаьрга схьа а ца хьаьжира.

– Цунна-м башха а хир йац, ша миччахьа хиларх? – меллаша дега элира Селитас.

– ХIан–хIа, – схьа мохь туьйхира, Селита цецйоккхуш, и хезначу бIаьрзечо, – когашна дика хаьа лаьттан чам, мерана къаьста аренийн кхин тайпа хьожа… Ткъа лергаша а схьалоьцу… керла аьзнаш. ХIан-хIа, йоIиг, бакълец хьо! – элира Рашида.

Ша хIун эр ду а ца хууш, цIийелла IадIийра Селита.

Йуьрта дIакхечира.

Некъаца нийсачу могIаршца лаьттара, тIе латта а тесна, паьштигца таIош поппарх дина, шера беданаш долу цIенош: царна гонаха поппарх йина керташ – дувалаш йаьхьнера. Царна хьалххахула йаьккхинчу саьнгар чухула догIура татол – арык. Нилхо лаьттара, арыкца йийгIина, хIинцца сенйелла йогIу гlapгIанаш, акказеш.

– Xlapa ду-кх шуна билгалдаьккхина цIа… Джейран, чохь дуй шу? – мохь туьйхира лейтенанта-казахо лохачу учахь малхехь Iачу зудчуьнга.

– Дика ду-кх… делахь! – элира Тавсолтас. Селита IадIара. КеримгIеран хIургон тIехйаьлла дIайахара, Керима кхаьрга забаре куьг а ластош. Йуьхьа тIехь йуккъерачу хенара хета, Iаьржачу гиччошкахь цхьацца детин хьесий а лепаш, хьалагIаьттича, йоIстаг санна, дуткъачу дегIахь йолу Джейран кIедачу боларца тIейеара. Казахийн маттахь кIеззиг цеце къамел а дина, чуйахара иза. Цуьнца кестта чуьра аравелира, уккал а таьIна, малхо йеттина йуьхь йерриг хебарша чучча аьхна къена казах.

– A-а!.. Аман4, Джатыбай! – вистхилира иза беречуьнга, сихдинна, шен муцIадоьлла бIаьргнегIарш а детташ.

– Аман, Шакен-агIа, аман! – говрара охьа а воьссина, казахо, воккхачу стеган куьг а лаьцна, шайн маттахь къамел дира.

– Жахсы!5 Жахсы! – тIетовш корта таIийра къеначо.

Цаpa гlo а деш, ТавсолтагIеран сал-пал охьа а йаьккхина, кхарна къастийначу цIа чу йаьхьира. ЦIа доккха дацара: цхьа неI, цхьа жима кор, йуккъехь бIогIам, лохо тхов, уй тохаза, хьаьхна цIенкъа.

Тавсолтас бIогIам схьалецира:

– ЧIогIа-м бу!.. эрда-бIогIам! Тхов тIебужур бац! Дика ото ду!..

Шайга цIера схьайаийтинчу хIуманех цхьайерш чохь дIа а нисйина, вуьш сонехь, кхалу кIел йитира Селитас: чохь готта дара, тIе, уьш ловзо дог а ца догIура…

ХIорш охьа а биссийна, говрахь дIавоьдучу лейтенанте, саца а вина, Тавсолтас хаьттира, Селитас талмажалла а деш:

– Тхо хIинца муьлш ду? Мича бехкенна, меланна далийна тхо кхуза?.. ХIинца, мукъа, алийша!

– Шу хIинца спецпереселенцаш ду! Шун къам Даймахкана хьарам хиларна, гуттаренна а кхуза кхалхийна.

– Сталинна хууш, мукъа, дуй xIapa? – хаьттира, Iе а ца йелла, Селитас.

– Цунна ца хууш хила а тарлорий хIоккхул доккха гIуллакх? – жоп делира цо.

– Кхийтирий хьо, сан йоI! – Iоьттира Тавсолтас. Селита IадIара корта а оллийна:

– «Сталинна-м хууш хир дац xIapa!» – олура цо дега кест-кеста новкъахь.

– Дисинарг кхана комендатурехь дуьйцур ду шуьга. ДIадуьйлалаш! – аьлла, говрана луьйтанахь боллу ког а Iоьттина, йоргIахь дIавахара и.

Селита, жимачу гIанта охьа а лахйелла, куьйга корта а лаьцна, йилхира:

– Вайна хилларг, Дада!.. Вайна хилларг!.. Мичахь ду-те хIинца Нурседий, Расуллий?..

– Карор бара уьш-м… Сатоха… Маржа йаI, хьо сан кIант! Маржа йаI!.. – иккхира Тавсолтега.

Беххачу новкъахь гIелбелла хIорш, лампа цахиларна, чохь цхьа къоьгам а латийна, дIабийшира цIенкъахь, кIел истанг а тесна.

* * *

Iуьйранна нохчий дIагулбира Жал-Тюбе-Юьрта йуккъехь лаьттачу спецкомендатуре.

Стигалан басахь долчу, даккхийчу бIаьргаш чуьра оьгIазе алу а туьйсуш, капитанан хормехь волчу, хьаьрсачу коменданта, цхьа кехат кара а лаьцна, йукъ-кара цу тIе а хьоьжуш, массарна хозуьйтуш дийцира хIинца дуьйна нохчошна кхузахь хIоттийначу рожах лаьцна:

– Шу хIинца дуьйна массо а спецпереселенцаш ду шайн доьзалшца, берашца. Жимачун а, йа воккхачун а бакъо йац, тхан пурбанца бен, кхузара цхьа ша а дIасадовла. Нагахь цхьаъ кхузарчу дозанал дIасаваьлла хаалахь, цунна пхийтта шо хан тухур йу каторгехь йаккха. Шун доьзалехь цхьаъ дIакъастахь а, йа тIекхетахь а цу сохьта комендатуре хаийта деза. Ца хаийтахь, доьзалда жоьпе озор ву. Xlopа шух, паспорт оьцу хан мел хилларг, декхарийлахь ву баттахь шозза кху чу ван, таьптара тIе куьг таIо, шен меттехь ша вуй хоуьйтуш. Ца веанчунна таIзар хир ду. Шун къам дерриге а кхузахьа схьакхалхийна даиманна а, кхин цкъа а духа гIyp доцуш! – и дешнаш, мухIар таIош санна, озаца а тIечIагIдира коменданта, оцунах цхьа тоам шена хуьлуш санна.

 

Массо гонаха кортош охкийна лаьттара. Вовшашка хьуьйсура цхьаберш, бист ца хуьлуш.

Керим а лаьттара неIарехь, шуьйрачу белшаш тIехь шен хьаьрса, хIинца гиччошкахь къежбелла богIу, жима корта ойлане раз а бахийтина, некха хьалха шен массо мидал а оьллина веъна, комендантана хIуьттаренна санна:

– Ткъа вайн Конституцехь, вайн Советан законехь бакъо йуй-те цхьаннан а оццул йоккха хан тоха дийнна къомана, йинa суд а йоцуш? – Iоьттира цо.

Массо дIатийра.

Комендант оьгIазе схьахьаьжира:

– Сталина а, Молотовс а куьйгаш таIийна сацам вайн пачхьалкхехь уггаре а лакхара закон ду! И ца хууш ву хьо, грамотей? – цавашарца йуха Iоьттира коменданта.

– Балхана хIун дийр ду оха? – хаьттира Кесирас.

– Болх бийр бу–кх!.. ТIетаьIIина!.. – тIетуьйхира коменданта. – Колхозехь… Бошмашкахь… Артелехь… Амма… Кху комендатурин дозанахь: Жал-Тюбе-Юьртахь, Джамбулан цIарахчу колхозехь. Цу дозанал арахьа болх бан мегаш дац!

– Тхойшиъ хьехархо йу… Школа йуй кхузахь? – хаьттира йуха а Кесирас, Селитех дага а йаьлла.

Коменданта корта чам боцуш хьалатесира:

– Йу! Амма йа школехь а, йа цхьанхьа а идеологически, йа куьйгаллин йолчу меттигашка шу балха дIаэца бакъо йац. Цигахьа шу гIерта а ца оьшу! Колхоз тоьур йу шуна! – элира коменданта.

БIаьрзе Рашид хьалхахилира:

– Со сайн доьзалх ца хууш хаьдда ву. Сайнаш, кхуза гена доцуш, Джамбул-гIалахь охьабиссийна бах… Цига дIаваха пурба лохьа суна: со кхузахь цхьалха ву.

– Лyp йу, цкъа къастийчхьана. Сатоха жимма.

– Сан йиша Нурседа а, цуьнан майра Расул а ду тхох ца хууш дIакъаьстина. Уьш мичахь бу а ца хаьа…

– Сатоха! Дерриг къастор ду. Тоха безарш массо вовшахтухур бу, кIеззиг собар дичхьана. Сатоха! – тIечевхира комендант. – Шу кхуза курорте дахкийтина дац!

– И-м гора тхуна… Делахь а.., – велавелира Керим.

– Оьшуш дац и хьан «делахь а». Дерриг хIинццехь хаа а ца гIерташ, сатоха! Кхуьур ду шу хатта кхул тIаьхьа а… Соьга а… сан хIокху гIоьнче а – накъост Джатыбай Аскеровга, – шена уллохь лаьттачу лейтенанте-казахехьа куьг ластийра цо.

Тавсолтина, дIа ма-хьаьжжи, вевзира шаьш схьадалийна волу говрахь хилла лейтенант-казах.

– ХIинца дуьло шайн метте!.. ДIанисло!.. – бIостанехьа куьг ластийна, коменданта арабехира чуьра нохчий.

* * *

Комендатурера чу а деъна, учахь лохачу гIанта охьалахделира Тавсолтий, Селитий.

«Махках а, мулках а дехи, сий а дайи. ХIинца тIе… Нурседех хилларг а ца хаьа…», – ойла йора Тавсолтас. Селита, шина куьйга корта а лаьцна, Iаш йара.

ЦIеххьана:

– Дада!.. дада!.. вайна хилларг! вайга деанарг! – мацах, нана кхелхича санна, саийзош, йелхайуьйлира иза.

– Ма йелха, сан йоI… Ма йелха! – йоьIан белша тIе куьг диллира дас: кху дуьненчохь цунна йиснарг хIинца и бен йацара. Цуьнга кхин хьежа а, и хьаста a гIopa ца дисна, Тавсолта уьйтIа велира.

Селитин йелхар а хезна, шайн учара тIейеара Джейран.

– Ма йелха! Ма йелха! – Селитин коьртах шен кIеда, дуткъа куьг хьаькхира цо. Мелхо а, кхин а чуьрайаьлла маьхьарца йоьлхура Селита. Джейрана, цIеххьана четара схьадаьхна, цхьа сийна кехаташ оьгIазе дIакховдийра Селитега:

– Делха эшац!.. Делха эшац! – йуккъехула и кехаташ Селитин бIаьрга хьалха а ухьуш, тIечевхира иза.

Цецйаьлла Селита, йоьлхучуьра а сецна, леррина хьаьжира Джейране а, цуьнгарчу кехаташка а.

– ДIаэца! Деша!.. ТIамо хIоранга а кхачийна шен-шен бала… Хьайн бала тамаш ма хета!.. Деша! – элира Джейрана, шена тоъал хуучу, ша меттабуьхьара хаза буьйцучу оьрсийн маттахь.

Дог Iовжош, девзира Селитина тохара Даудах лаьцна шайга деанчух тера долу сийна кехаташ! Уьш цхьаьний диъ дара:

– Майрий, кхо кIанттий… цхьана баттахь вийна сан фронтехь… хIетте а… гой хьуна… йеха!.. Хьерайала а ца гIерта… – цуьнан дешнаш Селитин дагах Iитталора. – Цкъацца… шу санна хилла а, дийна, мукъа, белара уьш олий, хетало суна.

Селита дIахьаьжира Джейране. Цо шен сийна кехаташ лерана йуха чета дехкира. Цхьа хьоме хIайкалш санна, диллина шеца леладора цо, дуьнен чохь уггар а шен гергарчех уггар а къаьхьа кхаъ шена беана кехаташ.

– Делха эшац!.. – йуха а элира цо, къонахаллин озаца. Делахь а, шенаш а йуха дагадаьхкина, цуьнан дуткъа-шерачу лога тIера горга корта ойлане разбахара, мохехь зезаг санна, жимма разховшийна долу Iаьржа бIаьргаш, чу марха хIуьттуш, севцира цхьана метте хьаьвссинчохь. Йелхаран чIикъ ца бахь а, цуьнан беснеш тIехула, ладар санна, меллаша охьадуьйладелира бIаьрхиш.

Къахеташ, эхь хеташ хьоьжура цуьнга, хIинца paгI шега кхаьчна Селита, муьлхачу дешнашца и муха хьостур йара ца хууш. Дош ца олуш, къевлина и марайоьллира цо: цу сохьта гергара а, шел тоьлаш а хийтира и цунна.

Селита кхийтира шена Джейрана йеллачу уроках, кху дуьнен чохь шегарчу балех наха бан тамаш боцийла хиира цунна. Массарна а кхаьчна шен-шен дакъа. ХIинца массарна а диснарг – вовшийн дог эцар ду. Шен коьртачу Iаьржачу йовлакхан маьIигца бIаьргаш а дакъийна, Джейрана дийцира шех лаьцна а. Хьалха, ша марехь йолуш, доьзалца иза Семипалатинскехь йаьхнера, шен марзойн махкахь. Майрий, кхо кIанттий тIамехь вийначул тIаьхьа иза стохка схьакхелхинера кхуза, шен гергарчарна тIе, цаьрца гIоле хеташ, цигахь ша ца Iархьама. Шакен-агIа кхуьнан ден ваша вара.

– Суо йисина… Делахь а, гергарнаш а, нах а дика бу, – чекхдаьккхира цо шен дийцар.

Тавсолта уьйтIахь лаьттара, лохачу дувалан шина маьIига тIехула, кевнан метта биллинчу гIуркха тIе а тевжина, кхаьргахьа букъ а берзийна. Шена хьалха генна дIахьоьжура иза. БIаьрг кхоче мел йу шуьйра дIасайаьржинера гарманан аре. Селита йолчуьра йуха шайн чуйоьдучу Джейрана, ша Тавсолтега нисйелча, гIиллакхна хаьттира:

– Муха хета хьуна тхан мохк, акхсакхал?6

– Вон бац… Хаза бу… дIа мел хьаьжа а, шера аренаш йу… делахь а… лаьмнаш дац кхузахь…

– ХIан-хIа! Лаьмнаш а ду… Хьуьлла, генахь… Тянь- Шань го…

Леррина хьаьжча, халла къасталора дуьненан йисттехь, марханийн IиндагIех тера, цхьа лекха гIаларташ.

– ДIора Iам «Казах-июль» бу… Цул тIехьа, генна дIавахча, йу Семипалатинск.

Малхехь таьIно лепаш, цхьа йехий аьлханаш санна, Iоман шина а йистера дIасайоьлхура кхин а хин асанаш.

– Иза Асса-хи ду… цу Iомах чекхдолу и. Цигахь йу тхан колхозан мазлагIанаш а… Тхан колхозан арыкаш а цигара даладо.

– Тхан цIахь а дара оцунах тера цIе йолуш хи! – элира Тавсолтас, малхбузехьа а хьоьжуш.

– Са ма гатде, акхсакхал… Кхузахь кхин а ду, шу санна схьадалийна, къаьмнаш: немцой… кхарачой… гIалмакхой… Немцоша тIом муха болийна а хаац суна-м: кхузарнаш-м сов эсала бу… тIе, кхарачойшна тхан мотт а хаьа шера… Уьш-м гуттар эсала бу… Шу кIеззиг аьрхо дуьйцу… Делахь а… Шу а дIанислур ду. Тхан колхоз йоккха йу. Тхан долахь йу и схьа мел гун аренаш! Даьхни, йалта, свеклаш – дерриг леладо!

– Бошмаш йуй шун?

– Йу… хьуьлла хин тогIехь… со ма йу бошмийн бригадехь… хидиллархо… мирабан гIоьнча… шортта Iежаш, хьорматаш, гIаммагIанаш… кемсаш а хуьлу йаккхий хорханашца.

– Со а ву бешлелорхо, – элира Тавсолтас.

– Ма дика ду и! Тхуна оьшу, хьуна, бешлелорхо! Ас кханнехь бригадире эр ду! – чуйахара Джейран.

Цуьнан шера когаш а, болар а, йоьIан санна, дайн дара. Шена хьалхахула доьдучу арыкан гIовгIане ладоьгIуш, ойлане лаьттара Тавсолта. Шена тIехьа йуха а Джейранан аз хезира:

– Акхсакхал, дуьло тхоьга…

Тавсолтега а, Селитега а чай мала чукхойкхура лулахоша. ЦIенкъа тесначу истанга тIехь йаржийнера клеенка. Цу тIехь самовар гора, самукъане гIap йеш, шена йуххехь, аттана уллохь эса санна, жима чайник а лаьтташ. Куьйга дохийна дуткъий хьокхамаш Iохкура хьалха. Цхьана бошхепахь гора кхерзина можачу хьаьжкIан буьртигаш: шекаран метта чай молуш багатосура уьш.

– ТIом дIабаьлчхьана, дахар а толур ду! – элира Джейрана, шун къен хиларна хьешашна хьалха бехказа йолуш.

Чохь цхьана пенаца лаьттара боккха аьчга-маьнга. Цу тIехь, сал йеш, хьаладоьттинера дерриг мотт-гIайбеш: къорза йургIанаш, гоьнаш, назбарш. Пенах цхьа куьзга кхозура. Чохь кхин мебель йацара. Сонехь цхьаъ вукхунна тIехь, бес-бесара аьчгаш летийна, къорза тIорказаш лаьттара жим-жиманиг тIехула а долуш. Царна буьххьехь йара, тIе киса а тесна, схьагарехь, дукха хенахь дуьйна хьайанза патефон. Цунна а тIехула пенах кхозура къоначу, хазачу лейтенантан сурт.

– Ахат. Сан кIант! ТIамехь ву, – элира Шакен-агIас цуьнгахьа дIахьаьжначу Тавсолтега.

Джейрана, талмажалла а деш, тадира:

– Зенитчик ву!

– Сайниг… вийна, – элира Тавсолтас.

– Вай-б-ой! – инзарвелира Шакен-агIа. Хьокхаман коржамаш хьешана хьалхахилийра цо. ХIинццалц цкъа а деца хIума йаа охьахиъна йоцу Селита, хIинца ша цуьнца хиъна Iаш, къийлалора. Кестта балхара чукхечира, йуьхьа тIехь буьрсо хета, свеклашлелорхо йолу Шакен-агIан йоккхаха йоI – Айгерим а, детъяслехь няня йолу, даима йекхна, йелакъажа кийча Кульджан а.

3Билмейман – суна ца хаьа (казахийн маттахь)
4Аман – могаш хуьлда!
5Жахсы – дика ду.
6Акхсакхал – воккха стаг (казахийн маттахь).
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28 
Рейтинг@Mail.ru