– Гора кIант йаI!
– Лечанан кIорни ду-кх!
– Хьовсал, Эсамбаев вац иза! Хьажал боьгIу бохь!
– И мичахь Iемина цунна?
– Ма тайна а ву! И йуткъа гIодайукъ! – кхуьйсура маьI-маьIIехь.
Нурседа йоккхайера. Ловзар дика дIадоьдура, амма сохьте хьаьжначу Нурседин йуьхь хIинца йулайелира: барт бина хан тIекхочуш лаьттара. Джамбула уьйтIахула маса готуьйсура, йоI йукъара ца йолуьйтуш. Хьалхарчу могIаршка а йаьлла, Зама а лаьттара, бага а гIаттийна, вешина тIера бIаьрг ца боккхуш. ТIаккха цIеххьана дIаиккхира иза цIехьа.
ЦIахь, нара тIехь ловзаран гIовгIа а хезаш, амма цига хIумма а са ца гатлуш, шен суьлхьанаш а хьийзош Iapa Тавсолта. Джейран пеша гонаха хьийзара.
– Дада, валохьа! – куьг а лаьцна, дIаозийра Замас ненада. – Цигахь-м хаза дай! Валохьа, дада! Джамбул вай цигахь-м хелхавуьйлуш!
Джамбул хелхавуьйлу сурт дуьхьалхIоьттича, ца Iавелла, гIаьттира Тавсолта. XIapa шиъ керта йуххе дIакхаьчча а, уьйтIахь хелхаран кIур беш воллура кхин цкъа а йукъаваьккхина Джамбул. Кхуо къарйина, гIелйелла йоIстаг, йела а къежаш, йукъара а йаьлла, шен метте охьахиира. Кертал чоьхьа ца волуш, нах меттах ца хьеба, арахьара хьоьжуш, нацкъаро сецира Тавсолта, Джамбуле цкъа бIаьрг а тоьхна, йуха чуваха дагахь. Кхин цкъа-шозза го а бина, Джамбул, йуккъерчу стоьла тIе а хилла, Каташана, гола тухуш бохь а боьгIна, йуьстахвелира.
– Нуц ваккха!
– Нус йаккха!
– Цхьаьний даккха! – маьI-маьIIера маьхьарий девлира.
И шиъ йукъадаьккхира. ХIинца, цу шинга а хьаьжна, дIаваха дагахь, кхин а сецира Тавсолта. Нурседа хIинца хьалагIаьттира. Ша йолччуьра кхин цкъа а шен мехкаршка бIаьрг туьйхира цо. ТIаккха цIеххьана цуьнан йуьхьа тIе IиндагIа дедира: йиллина хан тIекхаьчнера, ткъа хIинццалц кхузахь хилла а воцу Тавсолта хIинца, буьрса гIаларт санна, керта уллора чухьоьжуш гира цунна. Каташца хелхайолучу Ниночкас, бинчу бартаца, ша шозлагIа го боккхуш, уьйтIа йуккъе нисйелча, шен коьртара къорза дарин йовлакх, схьа а даьккхина, хаза тIехула а хьовзийна, коьртаIуьйра йолуш, белшех тесира. Цу сохьта цунах догдаьлла, дIаваха сацийра Тавсолтас, амма эццахь, цIеххьана цуьнан бIаьргашна хьалха хIоьттинарг, цхьа ирча гIан санна, кхин а тамаше дара – стоьлан гонашкахь Iачу массо а мехкарша, цхьаьний, эсала бела а къежаш, цхьабосса охьайахийтира шайн коьртара хIуманаш!
Цецваьлла Тавсолта хьалхатаьIира: цу сохьта нисса дуьхьаларчу «Дада-бIарана» кIелхьарчу стоьла тIехьа, массо а санна, кортаIуьйра йаьлла шен Нурседий, Селитий а гина, ша волччохь бIаьргаш къарзийра цо.
«Дуьне доха герга дахана-техьа?» – дагатесира Тавсолтина. Схьахьоьжучу шен дех хIинцца бIаьрг кхийтира Селитин а. Тавсолтин Iадийна йуьхь йайча, йуьйхира йоI. Сиха шен куьг белшах охьакхозучу йовлакха тIе даьхьира цо, иза йуха хьалаозош. Оцуьнан тидам хиллачу Нурседас, тIехьара схьа а лаьцна, охьаозийра йишин пхьарс:
– Ахь хIун до? И мегар дац, сан йиша! – элира цо Селитин лере.
– ДIахьажахьа! Ца го хьуна? – хаьттира Селитас доьхначу лерца.
Охьа а ца хууш, тIехьарчу могIарехь, массарна а гуш, ша лаьтта Тавсолта, гIорийначу йуьхьаца, цеце догучу бIаьргашца нисса кхаьргахьа хьоьжура. Цунна гонахара а, тIехьарчу могIаршкара а нах хьалагIевттира.
– Го-те! Гича хIун ду? Дерриг а дийцина дацара вайн? – элира Нурседас йише. ЧIагIделлачу дагца хьоьжура и Тавсолте.
Тавсолтин хIиттинчу бIаьргаш чуьра цабезаман алу туьйсура. Ша кхарна хIинца а дика ца го-те аьлла, иза кхин а цхьа-ши гIулч йуккъе хилира. Стоьла гонахарнаш а хьалагIевттира, делахь а мехкарий, йовлакхаш йуха дIа а ца тохкуш, кортаIуьйра лаьттара. Селитас кхин цкъа а шен куьг йовлакха тIе даьхьира, и хьалаозош. Цунна эхь а, къа а хийтира шаьш сел чIогIа догъэшийнчу шайн дех. Селитин йохар а Тавсолта а гина, кхин цхьана-шина йоIа а дIатехкира шайн йовлакхаш. ТIаккха Селитин лере таьIира Нурседа:
– Эхь ца хета хьуна?! Барт а хIунда бора ахь, хьуо шалха хирг хилча?
Оцу тIехтохамо йагийра Селита:
– Цуьнга и цаладаларна кхоьру!
– Ловр ду! Массо велча а, лайна! Со, кхин боьху, мостагI-м йац цунна? Вай дийриг йукъараллин гIуллакх ду! Кху тIера йухадовлахь, райкомна хьалха а йуьхьIаьржа ду вай.
Тавсолтина хIинца хиира ша билггал массарна а гой, ши йоI хIетте коьртаIуьйра лаьттийлий! ДIасахьаьжира и. Цхьамма а йовлакх йуха дIа ца туьллура. Берриг мехкарий а коьртаIуьйра лаьттара.
«Дуьне доха герга дахана-те?» – йуха а дагатесира Тавсолтина. ТIаккха цIеххьана кхоьлира иза. «XIapa дара и: хьо кхаьрддинарг хьуна тIедогIу бохург! XIapa йара и… кино!» – цIеххьана хIинца кхиира и ша селхана йоIа кино хьажоран бахьанах: «Кхунна со кечвеш хилла-кх цо!» Нурседега кхин цкъа а дIахьаьжира да, амма йоьIан йуьхь тIулг санна, чIагIйеллий, ондий хьоьжура схьа: Тавсолта кхийтира, ша тIе а вахана и шиъ човхораххий, аларххий бала пайда цахиларх. «Кхузахь сайх адам а ца делош, IадIар тоьлу. Схьагарехь, хIокхара барт бина. Кхаьрга кхузахь эрна лийна, нахала волучул, цIахь ойла йича бакъахьа ду ас кху белхан. ДIаваха веза – и тоьлу!» – уккал таIийна, кхин вист а ца хуьлуш, меллаша цIехьа волавелира Тавсолта, астагI а теIаш. Цунна тIаьххье дIабуьйлабелира, лаьтта туйнаш а детташ, хьовса баьхкинчех кхо-виъ воккха стаггий, полша йуьйхина къена зудий, кхин цхьа–ши церан гергарчех верггий:
– XIapa дара и «комсомольски ловзар!» – бохуш, арабуьйлура уьш. Цаьрца Тавсолтина тIаьххье дIахьаьдира Зама а.
– Ма дан а ду… «комсомольски ловзар»… ЦIенна оьрсийн ловзар ду-кх!.. Иштта кечдича-м вайниг кхин а дика хир дара! – кхоьссира дIавоьдуш цхьамма оьгIазе.
– Латаел лампанаш! – элира Нурседас дежурнешка. Йоккха стол йуьзнера «Дада-бIара» тIера охьаэгначу, лимонан чкъоьргах тера, можачу гIаша. Школин йерриг а беш бес-бесара къарзйинера дашочу гуьйрено. КIеззиг кеп хиллачу Егорыча корта лестабора.
– ХIан-хIа, суна ца моьттура Тавсултан иштта хир ву. Хьовсийша!.. Дог майра партизан!..
Ловзар хIинца хьалхачул а синкъераме дIадоьдий хIинца гиначух:
– Нурседа йуьззина къонах йу! Тоххара динехь бакъахьа а дара! Тхан цигахь тIом а хилале чекхдаьккхира xIapa!
– Хьаша ваккха! Хьаша ваккха! – дийхира цхьамма. Ша-шен ларамаза дагаваийтина Ахат, цIийвелла, вухагIертара. Амма Нурседас, тIе а йахана, куьг лаьцна йукъаозийра иза а, цунна тIаьххье Селита а.
Мехкарий а, кегийрхой а, уьш хелхабовлуш, хьалагIевттира, мехкан воцу хьаша – Ахат а, мехкарийн тхьамда – Селита а лерина. Керим шен дагахь бIаьрг буьзна хьоьжура Нурседега: цо чекхдаьккхинчу кепара и гIуллакх кхочушдан шен а къонахалла ца тоа мегара аьлла, хийтира цунна.
Нурседас ма-хуьллу ловзар дахдора. Халаниг кхиамца чекх а даьлла, хIинца массеран а са чIогIа къералуш, мерза дIадоьдура ловзар. Йоккхайера Нурседа: «Кхул тIаьхьа а дер ду Iадатхошца дов, амма девнан архаш хIинца дуьйна тхан карахь йу!» – ойла йора цо.
Йелакъажарца уьйтIа хьаьжира иза, кIеззиг бIаьргаш а хабийна: массо цецвоккхуш, хьешо дика дора вайнехан хелхар. Ахатца хелхайуьйлу Селита цIийелла йуьстахйелира. Йоккхачу стоьла тIе а веъна, Нурседина, ша йукъаозаварна бекхам беш, бохь боьгIна, голатуьйхира Ахата. Берриш бийлабелира. Анна Львовнас хIинца йукъаозийра Нурседий, Кериммий. Уьш хелхабевлла бовллалц а ирахь лаьттира кегийрхой…
* * *
Тавсолтина а ца гуш, цунна йуххехь йогIура Зама: «Хьан йина-техьа дадина вас?» – дагатуьйсура цунна. ОьгIазе ойла йеш вогIура Тавсолта: «Билггал бакълуьй-те уьш?.. Йа баккъал а дуьне доха гергадахана-те?.. XIapa йуьхьIаьржо! ХIун ду-те хилларг?» – ца кхетара и:
– Зама, йаI, хьо зама! – хозуьйтуш, латкъийра цо шен деган лазам.
– Дада! Ахь хIун боху? – хаьттира Замас.
Тавсолта схьахьаьжира. СоцунгIа а хилла, йоьIан коьртах куьг а хьаькхна, цуьнан цIечу галстуке а хьаьжна, йуха а элира:
– Йан а йу шун зама… Сайниг дIайаьлла.
Зама ца кхийтира. Чукхаьчча, Джейране а вист ца хуьлуш, дехьа чу а вахана, тийнна шен гIуллакхаш дина, дIатевжира воккха стаг. Бодане цIа чохь, бIаьргаш а биллина, вехха Iиллира и: «Зама тIекIелйаьлла… доьзалш а тIебевлла… архаш а карара дIашершина… Йа къар а велла, кхеран сискалш йууш, кIелсацар, йа сайн сий а ца дойуш, кхарех дIакъастар ду суна хIинца диснарг. ХIан-хIа! Ас сайн сий ишта атта дойуьйтур дац цхьаьнгге а: йа нахе а, йа кхаьрга а!»… Цу тIехь хедира цуьнан ойланийн зIе. Коьртехь цхьацца дагалецамаш иэбелира, хьесапан лаамера бовлуш. ТIаьххьара а, хелхавуьйлучу Джамбулан сурт дуьхьал а хIуттуш, гIийла велакъежар йуьхьа тIе а додуш, тхьевсира Тавсолта.
ТIаьхьо чубаьхкира: Нурседий, Селитий, Джамбуллий, Ахаттий. Цхьаьна пхьор а диъна, дIабийшира массо. Нурседина, шен Замий, Джамбуллий мара а доьллина, сихха наб кхийтира нара тIехь. Цунна тIаьххье набаро Iехийра вукху маьIIе йижина Селита а.
Ахаттий, Джейранний, учахь дехха къамелаш деш цхьаьна а Iийна, чудахана, дIадижира. Массеран а лерехь, уьш набарх боллалц, ца соцуш йекара ловзаргара вотий, пондаран гIовгIий.
* * *
Вукху дийнахь Егорыче кIантера телеграмма кхечира: «Квартира схьайелла, болх бу кийчча, сихха схьавола», – бохуш.
Воккхачу стеган дог ловзалелхара: хьоме кIант! Исбаьхьа Киев! Беза болх! – дерриг а йуха гур ду! Тахханехь новкъа вала лиира цунна. Делахь а, кхин кхаа денна тIаьхьатеттира цо шен дIавахар: цкъа-делахь, Селитас аьлла кхо дитт дехьа догIар, дуола а дина, чекхдалаза дара. Цул совнаха, оццу агIорхьа цхьаьний новкъа бовлуш бара Казахстане боьлху Анна Львовний, Ниночкий, Каташший, цаьрца ваха тIаьхьасецна Ахаттий.
Егорычан дехарца колхозера бригадица гIo дан Тавсолта а веъна, дитташ вукхузахьа дийгIира. Накъостий дIабахча, Тавсолтега шегга, бехк боккхуш, элира Егорыча:
– Партизан а майраниг вара хьо, Тавсултан, белхахо а диканиг ву… Амма, сел Iадаташна тIевирзина хIунда ву-те хьо? Ца го хьуна керла зама?
– Шун шайн гIиллакхаш ду, тхан – тхешан ду… Цул хIун оьшу тхан нохчийн ловзар? – къамел ца дахдойтуш, Iодика а йина, чувахара Тавсолта…
Чукхаьчча, гIийлачу йаххьашца шена хьалагIевттинчу Селитей, Нурседей вист ца хуьлуш, шен чу вахара иза. Цаьрца дан деза къамел а, цуьнан меттиг а хIинца а шен дагахь къастоза вара и. Амма церан йаххьаш хIинца гIийло гаро: «Шаьш селхана динчунна дохкобевлла-те?» – аьлла, догйовхо йира цунна.
XIapa волчу а йеъна, эсала кхунна хьалхахIоьттира Джейран :
– Воккха стаг! Суна Ахатца дIайаха лаьа. Цигара хьал хьуна а хезна. Шина йоIе а ас и хIинцца аьлла. ДIа ца йахча ца йолу со.
– Муха? ХIинццалц схьа хьахийна хIума а доцуш! Мича бахьанина? – цецвелира Тавсолта. Дагахь къовзийра иза: «Массо а къаьхкаш лаьтта»…
– Со реза вац! – элира Тавсолтас.
– Ткъа хьан дош… ма лиъа, йухайохуьйтур йу, цкъа хьажахIотта, мукъна, дIайолахьа, ахь а аьлла, ца йеара со?.. Со-м сайн дагахь, цига а хьажахIотта йоьду… цхьаъ ца хилахь… Дуьхьал ма валахь, воккха стаг… ас йаздийр ду хьоьга сайн хIуттург, – таьIначу озаца тIетуьйхира Джейрана.
– Дика ду, делахь! Ас-м сецор йац хьо нуьцкъала… гIyo хIета… «хьажахIотта», – элира Тавсолтас, амма xIapa ша а, дехьа чохь кхеран къамел хеза йижарий а шайн дагахь дика кхетара Джейран йухайогIург цахиларх…
Вокзалехь вовшахкхетта, цхьаьна новкъа бовлучийн тоба йоккха йара: Акмолинске кхаччалц боьлху Каташ, Ниночкий, цаьрца Анна Львовний. Алма-Ата воьду Ахаттий, цуьнца Джейранний. Киеве воьду Егорыч а…
ГIийло лаьттара новкъа баха баьхкинарш: Кериммий, Селитий, Нурседий, кхин а… Тавсолта ца веънера. ЦIерпошт схьакхачаре хьоьжуш перронехь, тIаьххьара къамелаш деш, бекъабелла лаьттара доттагIий: Егорычций, Ахатций – Керим; Джейранца – Нурседа; Анна Львовница – Селита; вуьш – къоначаьрца…
Джейранан ойланах дика кхетта йолу Нурседа цуьнан догъэца гIертара, и йухайогIу aгIo лоьхуш:
– Дада а кхин кIоршаме хир вац хьоьца, оха а эр ду хьуна цуьнга и доггах. Цкъацца ша сиха хилахь а, догдика а, хьо йезаш а ву хьуна иза. Тхуна а тхайн нана санна хета хьо… Варале, йухайоьллахь, Джейран! – хьоьстура цо и.
Амма Джейран, цуьнга ла а доьгIуш, йуьхьца ца хийцалуш, кхоьлина йара:
– И хIун ду: цигахь – «Джейран», кхузахь – «Зуда»? Цигахь гуттар цхьаьна хила лууш вара, кхузахь даима къаьстина лела! Пайдабоцчу хIуманна тIехула дов оьккхуьйту. TIe, оьгIазвахча, ши-кхо де а доккхий-ца вист ца хуьлуш цхьаьна чохь! Со хIунда йеана кхуза, цу дуьненан йисттера, цунна тIаьхьа а йаьлла, xIapa вистхуьлуш а ца хилча? Сайн цIахь йа Iен хIусам, йа йуург йоцуш-х ца йеаний со? – соцунгIа а хилла, нисса Нурседе хьаьжира Джейран.
Цуьнан кIеззиг раз доьгIначу, хазачу, хIинца сингаттаме севцначу, Iаьржачу бIаьргаш чуьра хи даланцара: уьш декъа, амма ойлане хьоьжура шайна хьалха. Корта а, сакхбаьллачу кхокханан санна, кIеззиг раз таIIийнчохь сецнера цуьнан. Нурседа, чухула пхьарс а баьккхина, меллаша дIасалелара цуьнца, дагна оьш-оьшу дешнаш лоьхуш.
Схьакхечира цIерпошт. Керима церан билеташ цхьана вагона тIе а нисдина, цхьаьний тIебевлира уьш. Селитас мара а къевлина, хаьттира, вагон тIера йуха а охьайоьссинчу, йуьхь йекхаеллачу Анна Львовне:
– Алахьа, хала ца хета хьуна, айхьа ткъех шарахь болх бина меттиггий, тхой дитина дIайоьдуш?
– Дера, хета! Делахь а, диканна йоьдий со-м… Целинехь со кхузахьчул а чIогIа оьшу хIинца… сайн берашца а хир… Йукъ-кара вай вовшашна тIекхача а мега! Вовшийн дагахь мел ду, къаьстина а даций вай-м! Йуххехь а боллушехь, вовшах къаьстинарш а дукха ма бу. Вай мел гена довлахь а, даим вовшашна гергахь ду! – бIаьргаш чу хи доьссира цунна. Йуха а мар-мара лилхира…
ЦIерпошт дIайолайелира…
Селита лешначу бIаьргашца тIаьхьахьоьжура цIерпоштна: цуьнан даго хьоьхура – хIинца гуттаренна а дIайуьгура цо, кху дуьнентIехь цуьнан уггаре а хьоме доттагIа – Анна Львовна!
* * *
Уьш дIабаханчул тIаьхьа Эскинойхь школин директор Селита хIоттийра. Тавсолта а школин хехо вахара, беш лелор тIе а диллина: воккха хилла вогIучу Тавсолтина шен лула балха ван лиира. TIe Джамбулний, Заминий ша йуххе а хир, – бохура цуьнан даго. И бераш хIинца кхин а хьоме хетара: вистхила, тIеозо кхин цхьа а ца виснера цуьнан. Тийна лелара и школин бешахула, шен гIуллакх деш.
Масех кIира а делира. Селитига ца ваьлла, балха тIехь а, чохь а, цхьа-ши дош олура цо, амма Нурседига-м вист ца хуьлура, йа дIа а ца хьожура.
Эскинойхь комсомольски ловзаргахь хилларг массанхьахула гIаределира – цхьаболчара гIийбат деш, вукхара чIогIа хастош. Вовшашлахь доггах къобалдора и дукхахболчу кегийрхоша.
Тавсолтегахьа узуш, и ловзар аьшнаш деш, цунна йаппарш йийриш а гора. Амма хIинца дукханне дагахь кхин дара: муьлхачу aгIop доьрзур ду-те Тавсолтиний, цуьнан мехкаршний йуккъера дов? ХIун дер-те хIинца Тавсолтас?
Нахана йовзара Тавсолтин мокхазан амал, хаьара иза, къарвелла, Iийр воцийла, делахь а кхин а гора: заманан хийцам цуьнгахьа бацара! Амма цунна йух-йха Iеткъара къанвеллачу хенахь шена тIедеъна и «доккха эхь». ХIинца а, бешара гIуллакхаш дина а ваьлла, «Дада-бIара» кIел гоьрга тIе охьалахвелира и, ойлане вахана. Шен ши йоI саннарш йуьртахь кхин а шорта хиларо цуьрриг йай ца йора, цунна гергахь, цуьнан йуьхьIаьржо. Селхана Ахьмас а кхунна тIех а туьйхира, берриш карзахбаьхнарш кхуьнан ши йоI йу аьлла. ХIинца xIapa новкъахула дIасавогIуш, нах а, тохара санна, лараме ца хьоьжура кхуьнга, хьала а дегаза гIовттура.
«ХIан-хIа! – йуха а ойла оьгIазе гулйелира цуьнан. – Церан сискалш а йууш, сайн сий а доьхкина, царна кIел со соцур вац!» – шен дагахь ондда ойла йира цо.
Тавсолтин бIаьргаш чохь, кIегийн суйнаш гулделира. Баккъалла а аьлча, шина а йоIа xIapa волчохь хIинца коьрта йовлакхаш тохкура, кхуьнан йуьхь лоруш: «Вай Iадаташца къуьйсу, деца – ца къуьйсу» – дара дагахь. Бакъду, Селита, цуьнца кIеда-мерза хиларца, шеца и таван гIертара, ткъа Нурседас а шен ма-торру лорура иза: и вист шега ца хилахь а, эрна халахетар цунна ца долуьйтуш а, алапа дIалуш а, оьций, дена цхьацца хIума йахьаш а. Амма мехкарий вовшах а бетташ, хIинца кино а, клубе а кхуьйлура цо, гина фильмаш а, йешна книжкаш а цаьрца йийцаре а йохкуш. Иза дIакхачадора Тавсолтега:
«Iайт, гаур йаI! Хьох жима йолуш дуьйна а сан вагар эрна ца хиллера!» – цергаш хьакхийра дас, генарнаш а дагадаьхкина.
Перерывна бераш уьйтIа хьаьлхира. «Дада-бIарана» кIел дада а гина, тIейера Зама. Урамехьара схьаведира Джамбул а, карахь цхьа конверт а лестош:
–ТIехволучу почтальоно схьадели.
– Дешал.
Кехат Казахстанера дара: «Шакен-агIа велла… Со кхузахь ца Iийча ца йолу. Бехк ма билла. Йухаяре ма хьежа. Шу лоруш йолу Джейран»…
Тавсолтин бIаьргаш чуьра ондда догу кIегий, тIе чим тесча санна, дайра. И йуха цайарах бан тамаш-м бацара: Тавсолтина хьалххе дуьйна а ма хетара, иза иштта хир ду аьлла. Делахь а, хIинца, баккъал а и хилла даьлча, дог къовзийра цуьнан – тIаьххьара а ша виси! Шена йуххера Джамбуллий, Замий тIе а озийна, церан кортойх дехха куьг хьийкхира Тавсолтас, ойлане меттах ца хьовш, бIаьрзечо санна, пIелгашца сов дай, уьш лазорна кхоьруш санна, экаме кIеда церан месаш а кегош. Шеллуш санна, хебира и: Iаьнна гергагIерта гуьйренан денош баккъал а тIеттIа шеллуш догIура, амма Тавсолта хIинца шелвийриг и кехат дара. Кхин цкъа а, хоршахь санна, вегийра и.
– Дада, вайна иштта шийла а ма йац хIинца, – элира Джамбула.
– Делахь а… дегI шелло зама тIекхаьчна сан, Джамбул… Цхьа хан йара, ас дегIаца кетар йохйеш. ХIинца кетаро дегI дохде хан тIекхаьчна. Кестта дегI а, кетар а пеша хьалха лоьцу хан а схьахIуттур йу…
ОЙЛАНАШ… ОЙЛАНАШ…
Вукху бIаьста, хьалххе долийна долу некъаш тадар а, йуьрта электросерло йалор а май тIекхачале чекхдаьккхира. ХIинца йолийначохь лаьттачу интернатан ойла йеш Iapa кху апрелан сарахь шен кабинетехь Нурседа.
– Гора, Нурседа, йаI! – элира чуваьллачу, мичча aгIop а кхуьнца эвхьазвала луучу клубан заведующес Башгировс. – Хьо йуьртнана ма-хIоьтти, и Ленинан серло вайна а схьакхачий-кх ахь! – кабинета чохь йогучу электролампене корта а ластийна, кхуьнга куьг а кховдош.
Зуда йуьртда хиларх йуьхьанца цабаьшнарш а тIебирззинчу муьрехь, хIинца хIокхуьнан эвхьаза лер цавашарх тера хетта, цуьнан карара, хье ца долуьйтуш, куьг йуха а эцна, шийло элира Нурседас:
– Дийцал!
Дийца хIума а доцуш, вуьйхира важа:
– Со-м… xIapa… – цунах IатIаран хьожа схьайетталора. – Тховса хаза кино йу… Шу а догIий хьажа…
– Ца догIу! Цул а, айхьа боданехь йалло хьайн зуда Алпату йига ахь хьайца кино а, ловзарга а… И тоьлу хьуна!
Вист а ца хуьлуш, аравелира Баштиров.
– «БаштагIеран кIант!» – цайашарца дагадеара Нурседина цуьнан Тавсолтица кинохь Iер а. Шина цIоцкъамна йуккъе къоламан бух а гIортийна, ойла йеш, йуха а кехаташна тIелахйелира Нурседа. ГIалитIарчу СМУ-с тIелаьцнера интернатан гIишло январь кхачале чекхйаккха. Бух а боьттина, ах метр пенаш хьаладаханчул тIаьхьа, йеттина кибарчигаш а ца тоьъна, белхаш севццера. Ткъа хьалхара май тIекхачале пенаш ца девлча, гIишлойар планера дикка дужура. Грознерчу йеттинчу кибарчигийн заводехь заказ йинера цо ннтернатана тIеоьшу шовзткъа эзар кибарчиг а. Тахана телефона чухула хаьттича, уьш а йовлаза хилира.
Нурседас кхечу заводе а кехат дахьийтира…
Амма цигара жоп дале, Нурседа цIеххьана, райцентре, райкоме балха йаьккхира, зударийн отделан заведующи йина. «Интернатана гIo дан аьтто а совбаьр!» – аьлла, резахилира Нурседа.
Iуьйранна нисйеллачу машенахь йа гIаш дIайоьдура райцентре, сарахь цIа йoгIypa… Деца йолу йукъаметтиг хийцайалаза лаьттара… Керлачу балхахь халла ницкъ кхечира цуьнан и кибаргичаш июнехь шайн метте схьакхачо. Пенаш августехь доьттина девлира. Йуха а цIеххьана, интернат чекхйаккхаза а йуьсуш, Нурседа сентябрехь Москва партийни лакхарчу школин йалх беттан курсашка деша йахийтира.
Кхоьлинчу дийнахь Селитин Iодика а йина, амма дена гучуйала ца хIуттуш, новкъа йелира иза. Селитина сингаттаме бахбелира и йалх бутт…
* * *
Самукъане чекхбелира и йалх бутт Нурседина. Декхна дара таханлера и цIа кхаьчна бIаьстенан дуьххьарчех долу де а. Делккъехь, школин кертан маьIIехь охьайоьссира Нурседа, шен чамдица киракхоьхьучу машенан кабини чуьра. XIapa а ца гуш, керта йуххехь, аккази тIехьа къамел деш хезира шиммо:
– XIapa-м хIинца лаьттар йеца, мохо а лоькхуш, пенаш чуэггалц…
– Чекх а ца йоккхуш йахана важа а… шен гIуллакхе.
– Цунна-м хIинца хIун бала бара кхуьнан. ХIокхуьнан сихо йеш-м цхьа а ваций-ц…
– Хуур дара xIapa чайни йелахьара…
Нурседа кхийтира: йуьйцург интернат йара. Диттал дехьа а йаьлла, кертах чекхьхьаьжча, тохар санна, пенаш лаьттара, тIехь ло а Iуьллуш, тхов а тиллаза. XIapa, чамда а карахь кел чоьхьа йаьлча, шен кабинета чуьра, тIе пальто а кхоьллина, Селита схьахьаьдира. Маракхетта, маршаллаш хаьттира:
– Интернат-м лаьтта…
– Кхин ницкъ ца кхечира йа сан а, йа керлачу йуьртден а… ша хьо йуха а хIинца тIе ца таIахь.
– Бераш?
– Шимма а дика доьшу… Урокехь бу.
– Дада? Гуш ма вац кертахь.
– Калмыкера цхьа вовхатар а веъна, цуьнан гIуллакхна селхана кIотара вахана шина-кхаа денна, цхьанхьа-м када а хIуттуш. Дада хIинца тайна соьца. Амма хьуна луьйра: хаттаза белхаш а хуьйцу, хьашт доцуш Москох а йахана, хиънехь, ша йохуьйтур а йацара, дукха хецайелла, бохура. Вайшинна арз а дира цо веанчуьнга а, ткъа цо и, мелхо а, бакъ ца вира, заманца ван веза аьлла. Амма ша волчу ваха дIа-м кхайкхира цуьнга.
– Ас-м цхьацца совгIаташ а деъна цунна. КIадлур вацара-техьа…
– Хьовсур вай… Ас дIалур ду.
– Кхин хIун ду керла?
– ХIума дац. Анна Львовнера кехат ду. Хьоьга мерза маршаллаш ло массара а. Шаьш дика Iа, боху.
Селитас чамда а лаьцна, ший а чоьхьа йолайелира. Чукхаьчча, чамда схьа а йаьстина, ша деана совгIаташ стоьл тIе даржийра Нурседас: берашна – портфелаш, пеналаш, авторучканаш; йишина – чилланан пазаташ, хаза косынка, кIархаш; дена – шиъ сорочка, бастонан цхьа отрез.
– Нурседа, ахь садаIа хIинца. Школера йаьлчахьана со йуха чуйогIу хьуна берашца, – аьлла, арайелира Селита.
Iуьйрре райцентре йахара Нурседа. Шен дешарх лаьцна райкоман секретарна отчет ша йинчул тIаьхьа, интернатан гIуллакх хаьттира цо.
– Хьоьга хьаьжна диси-кх и: виллина цунна тIехь валло белхахо а ца хилла. Вай муха хьийза ца хаьа хьуна: оханаш, асарш, шура, тракторш, жижиг… ХIинца ас йуха а хьуна тIе дуьллу-кх и чекхдаккхар! – секретаро стоьл тIерачу англех туьйхира стомма цIен къолам.
– Дика ду!..
КхозлагIчу дийнахь обкомера телефон туьйхира Нурседега:
– Интернатан хьокъехь дан дезарг СМУ-га дIааьлла. ГIуллакх муха доьду хьажа шун цига кестта накъост а кхочур ву…
Кабинетан корах чуIенара бIаьстенан мела малх. Башлаьмнийн баххьаш сирла лепара. Керлачу хIуонаца арара чукхоьхьура хIинцца лайх дерзина девллачу аьрцнийн а, комаьрша хьалагIоьртинчу бIаьстенан зезагийн а хьожа.
Сихха дешна догIучу лайн Iовраш, маьлхан зIаьнаршкахь лепаш, охьауьдура басешкара.
«БIаьстенан йуьхь! Уггар гIуллакх дIадоло мур!.. – бохура Нурседас дагахь. – ХIинццехь Минпрос а, Минфин а йукъаозо йеза. Цаьргара ахча доккхуш а йер йу цхьа хан. ТIаккха гIишлонна тIеоьшу гIирсаш лоьхуш а зама йер йу! Сихо йан йеза!» – Нурседас корах ара бIаьрг туьйхира… Цунна тIехь йара боьмашчу коверкотан костюм, логехь, божарийнчух тера, дIасабиллина кач а болуш. Чухулара схьагора кIайчу дарин коч. Коьртара, шина aгIop хьаькхначу, хьаьрсачу месех бина кур кIесара тIехь мIерашца лаьцнера. Косынка гIентан гIовлех кхозура. Hvpceдин кIайн йуьхь, басарш хьакхаза, йогура шен даимлерчу могашчу алунца.
Шена хьалхха стоьла тIехь даржийнчу календарах бIаьрг кхийтира цуьнан: «Лама зударийн денна гIалара йан йезаш концерт йу… Кечам бан беза», – дагадеара цунна. НеI йиллина чувелира, Нурседина балхаца вевза, гIалара кхуза командировке веъна йаздархо а волу, культурин министран заместитель Усманов Хьасан. Иза лекхочу дегIахь, маьIан куьзганаш а доьхкина, сира шляпа тиллина, макинтош йуьйхина вара. Маршаллаш хаьттира, охьахевшира.
– Хьасан Ахтаевич! Хьо-хьуо тIе драматург а ма вара… Йазйехьа вайн зударех цхьа пьеса. Ма оьшу-кх иза хIинца!..
– Тхан цхьа къона йаздархо ву и йазйеш… Со кху сохьта кхечу теми тIехь болх беш ву.
– Маца вер ву и?
– ДоьалгIа шо-м ду цо и йазйо боху.
– Ма йеха а йазйо цо… И ваьлча, иза-м йуха а ширачу заманах лаьцнарг хир йу. Зама сиха ма йоьду!..
– Маса шо ду цуьнан? – хаьттира Нурседас.
– Шовзткъа.
– Башха къона а вац.
– Казахстанехь даьккхина кхойтта шо ша йукъа а ца лору, – олу цо.
– Ас-м лору! – элира Нурседас. – Кхетамна эрна ца йайна хан!
НеI тоьхна, чуйелира Селита.
– Хьо хIунда йеанера, Селита? – хаьттира Нурседас, хьала а айалуш.
– Лама кхузахь хуьлучу концерте тхешан мехкарий бало дагахь цхьа ткъех билет дезар-кх. Со новкъа-м йац шуна?
– Йац, хьаха! Охьахаал хьо! – элира Усмановс.
Селита охьахиира. Нурседас царна вовшийн довзийтира.
Цу хенахь, йелха а ийзош, чуйелира коьртах цхардоьлла кортали а кхоьллина, басмин кучаца, тиша кIархаш а буьйхина Алпату.
– ХIун хилла? Хьо хIунда йоьлху? – хаьттира Нурседас, хьалагIаьттина, тIе а хилла. Алпату, къурдаш а деш, йоьлхура, цIийбеллачу бIаьргех корталин тIам а хьоькхуш:
– Майрачо йита хьийзайо… Берех ца йалало… Къахета… Соьга цIенош а дайтина, суна тIе кхин йало гIерта. Соьга, лаахь, тишачу цIенош чохь Iе боху, ша напгIа латтор ду. Цунна со реза ца хилахь, йита воллу.
Селитин дог Iовжийра. Йаздархо кхоьлира.
– Мича балхахь ву иза? ЦIе хIун йу цуьнан? – къолам блокнота тIе баьхьира йаздархочо.
Алпатус узарш дора:
– Эскинойхь клубан заведующи ву… Кхунна а вевза. ЦIе муха йоккхур йу ас?.
– Баштиров ву-кх! Йало, Алпату, цIа гIo хьо. Кхерам бац хьуна цуьрриг а. Тахханехь вай и метта а валор ву! – дог тешош, элира Нурседас.
Алпату, йаздархочуьнгахьа хьаьжира: «Гирий хьуна?» – хоьттучу йуьхьаца.
НеI ца тухуш, оьгIазе чуиккхира, коьртахь йовлакх а доцуш, хедийнчу Iаьржачу месашца, тIехь дика кечйелла, цхьа йерстина хаза нохчийн зуда, стаммий хаза балдаш а, Iаьржа бIаьрг-цIоцкъам а долуш.
Цунна тIаьххье чувелира тохарлера корреспондент… Цицигов. Нурседа ма-гиннехь, неIарехь вогIавелира, аьрру цIоцкъам ирх а доьдуш. ТIаккха, Усмановх а бIаьрг кхетта, шолгIаниг а хьаладахара цуьнан. Вухавирзина, маса татанза аравелира иза.
– Охьахаа. Со ладугIуш йу, – шийло элира Нурседас, чуйеанчуьнан питане амал шена йуьйцуш хазарна. ГIант стоьла йуххе а хилийна, охьахиира зуда, гоьл тIе ког а тесна. ЦIен маникюр йинчу пIелгийн томмагIне кIаьгнаш долу, севсина кIайн куьйгаш, стоьл тIе а дехкина, тем боцуш хьедора цо. Балдех басар хьекхна цхьа пIелг а бара цIен.
– ХIун хилла? Дийцал!
– Ша зампред ву бохуш, эцца хиъна Iачу цу москало – Керима – болх ца ло-кх суна. Кхечара шега аьлча а!
– ХIун болх боьхура ахь?
– Ас-м, хIинца… партис а вайнехан зударийн бакъонаш хьалаойуш… сайгахь товболлу болх боьхура. ХIун башха бу иза?
– Ткъа муьлха болх боьхура ахь?
– Муьлххарг а башха бац. Хаза товш, бан дог догIу болх хилчахьана.
– Масала!
– Сельсоветан председатель а, маслопроман заведующи а… Раймаган директор а. Масане хуьлу уьш… Кхечухьа а хIиттиний куьйгаллин белхашка вайн зударий, цхьаболу божарий дIа а бохуш…
– Ахь биний, Ткъа хьалха и белхаш? Балур буй хьоьга уьш?
– Ца бина бан-м… Iемар ду-кх. Цкъа долоза хуьлий цхьа а? Масала, хьох а тхан, зударийн, тхьамда хилла!.. Массанхьа а хIинца хьалабохуш ма бу вайн зударий! Вайга, зударшка, далур а доцуш хIун ду? Вай-м боккха ницкъ бай, вовшахкхетча! – аз айдира зудчо.
– Ткъа цо хIун эли хьоьга?
– И чIогIа дуьхьал ву партис зударшна лучу бакъонна!.. Хьажахьа, «И белхаш хьоь балур бац, колхозе доярка гIyo!» элин-ца цу гIиргIано соьга… бархI класс чекх а йаьккхина йолчу! Оцунна а хезира! – йерстана зуда шена тIехьа йухахьаьжира, амма «важа» цигахь ца карийна, цо шен куьйгаш, кхин а тем боцуш, дIасашершадора стоьла тIехь.
– Иза мила вара? – неIарехьа корта ластийра Нурседас.
– ГIалитIера веана радион корреспондент вара и-м. ХIинцца вухавогIур ву. ЧIогIа вайн зударшкахьа узуш ву. Сан арз талла дIаэцна цо… Соьца Керим волчу а веара. Амма тхойший а арадаьккхи цу москало! ХIинца хуур-м ду хьуна цунна. Вай йовлакхаш цалелораш ца деза-кх… Iадатийн коьжалг!
– Иза бакълуьйш санна, хета суна-м! Коьртара йовлакх охьадилларх-м дерриге кхочуш ца хуьлий! И доккха хIума а дац! Луучо леладе. Цхьайолчуьнан йовлакх охьадиллар – керлачу оьздангалле гIертарца ду, ткъа кхийолчуьнан – иза баккъал а хецайалар хуьлу: ширачу оьздангаллех а йолу, керлачух дIа а ца кхета! Ткъа уьш баций и «куьйгаллин балха» оьхуьйтурш-м!.. Масала, ахь муха гайтина хIинццалц хьуо балхахь а, дахарехь а?
– «Муха гайтина?» «Муха гайтина?..» ХIун даьлла соьгара?
– Цкъа, столовера повар йолчуьра дIайаьккхира хьо, даьтта а лачкъийна. ШозлагIа, кассир йолчохь, ахча а ца тоьъна, чуйоьллира хьо, йуха халла кIелхьара а йолуш.
– ХIан-хIа! И бакъ дац. Со цу тIехь реабилитировать йина. И дIадаьлла! И дийца оьшуш а дац.
– Собар делахь! Пхоьазза марехь хилла хьо?
– Ца хилла кхузза бен-м!
– Важа, загс а ца йеш, айхьа дина ши маре ца лору ахь?
– Ца лору-те! И-м законо а ца лору!
– Сих ма лолахь… Иза-м кхин а оьшуш дай! ХIинца лакхара болх лоьхуш лела… «и» йуххе а ваьккхина!.. – оьгIазйахара Нурседа. – Суна ца вевза моьтту хьуна и… «корреспондент!»… «чIогIа зударшкахьа ву!»… By-те… дуьмехьа цициг санна!.. Кху чу и вуха вогIур вац, хьуна!
– Иза-м суна а вевза! – къамелана йукъавеара Усманов. – Иза-м, бутт хьалха – радиокомитетера а дIаваьккхина плагиат ярна! И кхуза муха кхаьчна ца кхета со!
– Гой хьуна? – хаьттира Нурседас зудче.
Йерстана зуда ша йолччохь йегийра, ченах цIанло котам санна.
– Куьйгалле гIертачул, цкъа хьайга балучу балха тIехь хьуо гайта! ТIаккха, лакхара гIуллакх а, ахь ца доьххушехь, ша-шаха кховдор ду хьоьга!.. ДIагIуо Керима хьехочу балха! Ас а бина иза-м, хаза а хеташ… суо итт класс чекхйаьккхина йоллушехь.
Йерстинчу зудчун хаза йуьхь ирча хебира:
– А-а-а!.. Со кхийти ахь лелочух! Хьуо лакхайаьлла дела, кхечарна некъ боьхкуш йу хьо… Суна ца хаьа, моьтту хьуна… ахь Керимехьа хIунда уьйзу а?.. Шуьшиъ… вовшашка безам болуш ду, моьтту суна!
Селита, инзарйаьлла, хьоьжура цуьнга: ша йолччохь хебира иза.
– Ас йаздийр ду иза! – ца соцура йерстинарг. – Йаздан деззачу!
– КIел куьг таIо, мукъна, ма йицлолахь хIинца а! – Iоьттира хьалха а хIокхо кхехьийтинчу анонимкех хезначу Нурседас.
– Боьха хIума! – аьлла, араиккхира зуда.
– Питанча! – тIаьхьакхоьссира цунна Нурседас.
– Ой! Ой, хьо муха Iа, ва Нурседа, кхузахь ишттачаьрга ла а доьгIуш? – цецйелира Селита.
– АлпатугIеран дуьхьа Iа-кх!
– И дIайахнарг мила йара? – хаьттира йаздархочо.
– Пежиева ТIаус. Ца хезна хьуна йуьйцу?
– А-а-а, и йара иза?! Хезнера суна, хезнера!..
– Ишттанаш а нисло-кх вайн зударшлахь… Божаршлахь Баштиров а санна, – тIетуьйхира Нурседас. Нурседера кехат а эцна, хьешан Iодика а йина, Селита райклубе йахара.
– Муха хета хьуна, Хьасан Ахтаевич, шайн кадро лелориг? Иза дIа а ваьккхина, цуьнан метта цхьа зуда хIоттийча?
– И саннарг-м йац ахь цига хIотто дагалаьцнарг?
– Йацара, хьаха-кх!..
– Кхин цхьа гIуллакх а ма дара сан хьох дагайала, Хьасан Ахтаевич. Тхан Эскинойхь мехкаршна жимо интернат йан йолийна хIара шолгIа шо а ду. Ахь йаздича а, гIо хир дацара-техьа?