ТIорказ чуьра шен блокнот схьа а эцна, лерана йуккъе хьаьжира: ша ма-дарра Iуьллура хьоме, амма маргIалдоьлла, басадаьлла зезаг. ТIаккха шена хьалхарчу Ахата йеша йеллачу книжкех бIаьрг кхетта, кIант шега шатайпа вистхилар а, цуьнца ша эвхьаза хилар а дагадеана, йуха а Увайсан суьрте хьаьжна, луьста цIийелира Селита, шех чекх са гуш, шегара йаьлларг хьарамло хеташ.
«ХIан-хIа! зезаг санна, атта маргIалбола йиш йац безам, и адамийн хиллехь!» – ойла йора цо. Набкхеттачу дена хазарна кхоьруш, къийлалуш, къурдаш а деш, йоьлхура Селита, Увайсан суьрте а хьоьжуш, цо, йуха а, шена хьанал хилар доьхуш санна, хетара! «ХIан-хIа! И велла вац! Со хьоьжур йу цуьнга, сайн дош ас дохор дац!» – и сацам буха чIагIбелира йоьIан даг чохь.
ЦIеххьана, стелахаьштиг детташ санна, декъа татанаш хезна, цецйаьлла арайелира иза. Новкъахь лаьттара синкъераме, даккхийде адамаш. Бодане стигал бес-бесарчу цIерашца серлайохуш, хьийзаш, хьалаоьхура луларчу гIалахь, Толаман де даздеш, кхуьйсу ракеташ: геннахь чухерцачу бердех тера, къорра схьахезара шатлакхна йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн гIовгIа.
***
Цхьа-ши де даьлча, йоIаца кхин а къамеле вала дагахь, церан уча хIоьттира Ахат, делкъанна и чуйогIуш а йайна. Тавсолта чуваза вара. ХIетте а къамел ца деара: йоI кхуьнца кхоьлина йара. Дог Iаьвжина, вухавахара и, оцуьнан бахьанех ца кхуьуш. Хан йалийтина, йуха а веара: цкъа йоI чуйазачу кхечира, тIаккха – Тавсолтина тIе нисвелира. Эххар а, Селита ша чохь карийра цунна. Амма дарехь йоI къамеле йала лууш йацара кхуьнца. Кхин ца ван сацийра кIанта! Амма йоIа йиначу дуьхьалоно кхин а марсайаьккхира цIеххьанчу безаман алу. Жимма хан йаьлча, цхьа гIуллакх иккхина, Ахат детъясли вахара, Кульджан йолчу: цигахь Селита а йара балхахь.
– Хьуо чуйогIуш, хIapa дIа а лой, кхуьнан тIаьхье йалахь библиотекера, со перерывехь нисвелира! – йишига шегарчех цхьа книжка дIакховдийра цо. ТIаккха, цахуучуха, шена гинчу Селитега а вистхилира:
– Де дика хуьлда, Селита!.. Йелин хьо роман йешна? Муха хийти?
– Дика хета… йуккъе бен-м ца йаьлла со. Хазахеташ йоьшу.
Бераш дIадийшийна сахьт дара. XIopш учахь Iapa.
– XIapa йешний ахь? – хаьттира Ахата.
– Мухтар Ауэзов… «Абай»… Ца йешна.
– Йешалахь… тхан халкъан дахар а, дог а девзар ду хьуна! – гIанта охьахиира и. Цу книжки тIера цхьацца дийца велира. Ша дуьйцучунна тидам тIеозо хаьара кIантана. Хаз-хазаниг ша-шах дагадогIура йоIана дийца. ТIамах дийца cиxa вацара.
– Берлин схьайоккхуш, хьо хилирий цигахь? – тIаьххьара а хаьттира йоIа.
Цунна хаа лаьара тIамах дерг а. Селитас гуттар тамаш бора адамашка вовшийн дайадаларх. И церан муха нисло хаа гIертара иза. Ахата дийцира шена гиначух цхьадерг. Дуьххьара цуьнгара бен Селитина хезза а йоцу турпалхойн цIераш, зеш, охьайагарйора цо: Момыш-улы, Тулегенов, Мамедова, Панфилов…
– Инарла Панфилов а вара… казах? – хаьттира Селитас.
– Вацара… Казахстанера вара-кх. И ма ду коьртаниг!
Шен хьоме Казахстан, цуьнан халкъ, шена санна, массарна а девзийла а дезийла а лаьара Ахатна:
– Хаьий хьуна, Даймахкехьа хиллачу тIамехь Казахстано шен турпалхойн дукхаллица къоман республикашлахь уггар хьалхарчех меттиг лаьцнийла?..
– Хаьий хьуна, Союзни республикашлахь Казахстан шен лаьттан дукхалица массарел йоккха йуйла?..
– Хаьий хьуна, Алма-Ата бошмаш алсам хиларца дуьненан шахьаршлахь уггар хьалхарчех лорийла?
Хоьтту-уш, цо жоьпаш а ша лора.
– Ахат! Ахь-м… «Огонёкан» тIаьххьарчу агIон тIехь санна, хаза ма дуьйцу! – йелакъежира йоI.
Мацах хьуьн чухула довлуш, Увайса шена йелла ботаникан урок дагайера Селитина. ЙоьIан дешнашца кIелдIахула Iоттар хетта, Ахата йухауьйзира къамелан чап, ша дийцинчуьнан ойла йеш.
– Ахат, хьуна гиний йуххера… адамаша вовшийн дойуш?.. Ахь вийний цхьа а? – кIентан бIаьра хьаьжира йоI.
– Ца вийна… йа ган а ца гина!.. – и хаттар цунна ца дезачех дара.
Цу сохьта дийшинчуьра гIевттина бераш дуьйладелира чухула. Учахь керла стаг а гина, Ахатна тIевеара техкачу боларехь цхьа бутIаз, кехат, къолам а карахь.
– Ваши! Хьуна говр йилла хаьий?
– Хаьа.
И тIе а озийна, цунна а гойтуш, сихха сурт диллира Ахата: динахь, леккха байракх айина, воьдура цIен дошло. Кхин а бераш тIегулделира.
– Суна а… суна а!.. – го бира цара. Ахат ца кхиавора: пийл… була… лом… кема… Берийн сакъералора, амма, цо уьш дерриш а шен дагахь Селитина дохкура. Селита тIехь а лаьтташ, Ахата кехата тIехула къолам, котамо бай тIехь мIараш санна, бен доцуш сиха дIасахьоькхура, йукъ-кара Селите хьала а хьожуш. Кхуо хIун леладо-техьа бохуш, лаьттачу Селитина цIеххьана, дохк дIасадаьржича гучуболу бутт санна, кехата тIехь шен сибат къаьстира.
Ахата тIе а ца хьожуш, дагахь дохкура берашна сурташ: Ленин, Амангельды, Панфилов, Пушкин, Джамбул… Амма Ахата диллинчу суьрта тIехь цхьаболу оьрсех берш а Селитина кIеззиг казахех тера хийтира. Делахь а, и ца олуш IадIийра иза.
– ХIа! Со вада веза! – аьлла, Iодика а йина, дIавахара, хIинца дагна хьаам хилла Ахат. Цул тIаьхьа кест–кеста, цхьацца бахьаница, детъясли вогIий, йа и новкъахь лоций, йа цкъацца, кертахь тIеIотталой, йоIаца къамел нислора цуьнан. Шена мел хуу тамашениг – дерриг цуьнга дийца лаьара. Амма йоI цуьнан къамеле тидаме ладугIуш йелахь а, цуьнца тIекаре лоьхуш йацара.
Ахат, шена хетарг ца хилча, тIаьххьара, и дага чуьра йериг а ца хилла, гIала вахара. Шен гIуллакхаш нисдеш а, йоI йицйан гIерташ, сакъоьруш а, цхьа ши бутт баьлча, эскарера а мукъаваьккхина иза эххар вухавеара, кхузарчу школе, физика хьехархочун а, завучан а болх белла, ша гIалахь а вуьттуш. Шегахь товш хилла тIемалочун хорма охьа а йиллина, цо тIейуьйхира сирачу коверкотан костюм, амма иза а эпсаран хормехь товш хетара цуьнгахь. Балхо и сихха верриг дIалецира.
Кхин а нилхадевлира цуьнан Селитица цхьаьнакхетарш – хан ца тоьура. Школехь тIебогIучу сентябрана кечамбан а безара. ХIетте а Селита ша волчу балха йало-м гIоьртира и цкъа, хьалхарчу классехь хьехархо а йина. Амма коменданто бакъо ца йелира. Селитин дагахь баркалла дара Ахатна, цо шен гIайгIа барна, амма и кхочуш цахиларо дегаIовжам йуха самабаьккхина, Селита сарахь, учахь жIай-гIанта а хоий, шина куьйга голаш а лоций, йехха Iapa малхбузехьа хьоьжуш. Анна Львовна, Яьсса- хи, Нурседа, нана… Дауд… Увайс дагаоьхура йух-йуха.
Йерриг марзо хIинца дагалецамех йоллура. Цхьаволчуьнан амалехь шира баланаш сихха дахаран синкъерамехь бицбар делахь, Селитас, мелхо а, ма–хуьллу уьш, йух-йуха дагалоьцуш, шен даг чохь кхобура. И мелхо а, кхоьрура беллачийн аматаш а шена бицбаларна, тIаккха ша баккъал а царех йолуш санна: белларш а, уьш дагахь мел латто, дийна болуш санна хетара Селитина. Цу шатайпанчу амало хьалххехь йаьккхира иза жималлин йоккхайерах, амма оццу амало хьалххе дуьзира цуьнан экаме дог, баккхийчеран а наггахь бен ца хуьлучу, кIоргачу адамаллех а, оьздангаллех а. Цундела Ахатна а, цул хазанаш а шена дукха гиннашехь, кхечерачух тера йоцуш, шатайпа тамаше хийтира цуьнан, де санна, сирла, амма буьйса санна, забаре йоцу хазалла.
ХIинца ша балхана чувоьлла хьийзаш а, дагара ца йолура и цунна. Мел дийриг а, мел дуьйцург а, мел гург а цуьнан даим дуьхьал лаьттачу аматан пардох чекх гора кIантана… ХIетте а, йоI шеца билггал шийла хилар гуш, Ахатан ницкъ кхечира и йолчу эрна ца эха. Амма цунах лаьцна ойла ца йан, иза мел эрна делахь а, цуьнан ницкъ кхочуш бацара. Шен кийрахь эрна безам гIуьттийла ца лууш, иза ма-хуьллу къахкара хIинца йоI шена совнаха гарх.
Амма йоI, ца хууш а, йуха ма-гиннехь, и йуха а ган лаар совдолий, цхьа хан йоллушехь, хьаьвззий, детъясли кхочура Ахат.
Селита, цо шен бечу тидамах дагахь йоккхаехь a, амма зил тIера ца йолура, шегара совнаха дегайовхо а ца гойтура кIантана: Увайсан амат даг чуьра дIататта ницкъ хIинца цхьана а хIуманан бацара. Цундела Ахат, йоьIан шело гуш, вол-волуш вухавелира. Цуьнан йижарий а херабевлира Селитех. ХIинца Селита цхьа йиснера.
Тавсолта а дукха хьолахь, вист ца хуьлуш, шен гIуллакхаш дой, дIатевжара нара тIе йа араволура. Нурседера кехаташ а нилхадевллера. Амма сингаттаман кара ца йаха Селита, тохара Эскинойхь санна, ма-хуьллу йуха а книжканашна чуйуьйлира…
Йуьртахь массеран а багахь вара Ахат. Массара ладоьгIура, и хьанна кхочу-те бохуш, цуьнчуьнца цхьаьна йохуш кхин цIе а ца хезаш, нохчийн йоIаца цуьнан хилла и доций цхьаьнакхетарш а нахана хааза дисира.
Ахатна а кIордийра шен цхьаалла: могуш а, къона а, вара, хийланна хаза а хетара xIapa, къаьсттина кхеран школерчу химик-лаборантка йолчу Карынбаева Асеткульна. Дуккха а бара кхуьнца гергарло лоьхуш – «цхьаъ йоцург» – цу тIехь чекхйолура Ахатан ойланийн зIе. Бакъду, тайна а, хьекъале а йолу Асеткуль, шеца доттагIалла хила мегар долуш йара. «Важа дагара йалахьара!» – бохура йуха а Ахатан ойлано.
Асеткульца доттагIалла ша тIаьххьара а тIеэцале, кхин цкъа а шен кхоллам тIаьххьара зен детъясли вахара Ахат. Дикка хан а йаьллера вахаза. Кхана сарахь школехь Октябран дезчу денна бечу синкъераме кхойкху кхо билет кховдийра цо Кульджане:
– Шу шинней… Селитиний, – йуххе лаьттачу Селитегахьа корта а ластош.
– Баркалла, Ахат… бехк ма билла… сан йан йиш хир йац! – кIант тIекIава ца лаара Селитина.
– ХIунда? Цхьаьна хир ма ду вай! – тIехьаьрчира Кульджан.
– Кхузахь а ду вай-м цхьаьна! – бегаш бира цо.
Ша-шена оьгIазвахана, кхин детъясли а ца ван дIавахара Ахат!..
Кестта цхьаболчийн сапаргIатделира. Октябран дезчу дийнахь дуьйна Ахат хазачу Асеткульца хуьлура – школехь а, клубехь а, кинохь а. Дукхаммо, къаьсттина зударша, цхьаьна товш лорура и шиъ. Бакъду, цхьацца мехкарша йоI кIанте ца кхочу олура. Ахатан йижарий-м баккхийбера. Церан хьесапехь, ло санна, кIайн, тайна йоIстаг Асеткуль, цхьана къомах а, тIе дешна а хиларна Ахатца дикаха йогIура.
Кертахь, йиттина бедарш хьалаухкуш, Селитех ша кхеттачохь, дагахь хIума доцчу Кульджана эккхийтира:
– Селита! Ма хаза йу, моьтту хьуна, Ахат тIехьийза йоI! Гиний хьуна?.. Асеткуль! Селхана а йара Ахатца кинохь.
– Хьажахь, ма дика ду и! – догцIена къобалдира Селитас.
ХIетте а деган кIоргехь, Ахат цIеххьашха цIенна дIахадар новкъа-м деара йоIана: тIе цахьийзарх, вуьшта вевзаш хила а ца тарло-те, хетара Селитина. Наггахь, ца хууш бен ца гора и хIинца, хIорш цхьана кертахь а Iашшехь, йа гина меттиг хилча а, тохара санна, къамеле а ца волуш, маршалла хоттий, йа цхьа бен доццург олий, тIехволура, Селитин мелла а дог къовзош. Делахь а йа и Iexo а, йа йахь дIайала а дага ца лоцуш, шен гIайгIанна къурд а бина, дог къевллина, IадIара йоI.
* * *
Керлачу шарна клубехь дийнахь хIотточу спектакле кхойкху кхо билет кховдийра йуха а Ахата Кульджане:
– Шу шинней… лаахь, Селитиний… меттигаш хьалххехь лаца… Со Асеткульца тIаьхьо тIевогIур ву.
Кульджан СелитагIаьрга йеара. Тавсолта а вара чохь. Селитас гIиллакхе элира:
– Йан йиш хир йац сан… Бехк ма билла, – Кульджан дIайахара. ЦIахь йише дийцира.
Айгерим оьгIазйахара вешина, шаьш клубе дIакхаьчча, ша лаьттачу Ахате элира:
– ХIунда кхойкхура ахь цуьнга йуха а?.. Мила йу а ца хуу нохчи! XIapa стенна язйелла!..
Кульджан а тIетайра:
– Зен гIерта-кх… Йитахь и, ваши, тергал а ца йеш! – ша мел догцIена йелахь а, вешех хьакхаделларг ловр долуш иза а йацара.
– Ас хIун до, ца йитина?.. Дика ду…
Цкъа а цунах ойла ца йан а сацийра Ахата шен дагахь.
– Асеткуль? – хаьттира Кульджана.
Ахат цIийвелира:
– ХIинцца… схьакхача йеза…
Ахата цул тIаьхьа хьаха а ца йора Селита. Къонахчун ницкъ гулбина, догцIена чIагIо йира цо: «Иза йицйан, дагара дIайаккха, эрначу синIаткъамах паргIатвала!»
Нийссачу хьесапе сема ладоьгIча, Ахатна цхьа а совло а ца гора Селитин аматца Асеткульна хьалха: «Оьздангаллица а, йа хазаллица а оьшуш йац, тIе, дешна йаьлла а, даггара со везаш а йу…», – ша-шен чIагIвора Ахата. Асеткульца гар а ша леррина садаьккхира кIанта: школехь денна цхьаьнакхетара, дедда-йукъа кино оьхура, хьошалгIа а цуьнца бен ца воьдура. Шен йерриге ойла а доггах, нуьцкъаша цунна тIейерзийра цо.
ХIинца, Асеткуль ца гуш цхьа-ши де далахь, ша дIахьодура и йолчу.
Йоккхайера Асеткуль: тIаьххьара а шена везарг карийна, ша ирсе хетара… Ахат а вара хIинца шена реза, дог шен буйна къовлуш, кхочушдира цо шен кхетамо сацийнарг! Хьалххе дуьйна Iеминера и деган лааман коьртаца литта. Селита цо дага а ца лоцура хIинца, Ткъа дуьхьалкхетча а, цуьнгахьа хьажа а ца гIуртура. Шa-шех воккхавера Ахат: и бара семачу кхетамо дагна тIехь, йуьззинчу стогалло безамна тIехь баьккхина бакъболу толам: «Наггахь бен баккхалуш а боцу, поэташа ца хуьлу а боху», – шех дозалла дира цо дагахь.
«Нах эшийнарг – ницкъ болуш ву, ша эшийнарг – турпал ву», – дагадеара шайн комиссаро олуш хезна кица.
Ахатан болар а, хьажар а хIинца хьалхачул стогаллех дуьзна, синтеме дара. Амма хIетте а… ХIетте а, овкъарна кIел богуш Iуьллу кIега санна, кхетаман кIоргехь гуш а боцуш, амма дIабан ца туьгуш, наг-наггахь дог а къовзош, меттахъхьеш, цхьа шира цатам хаалора, цхьаммо-м исбаьхьа йиш уггаре хазачохь цIеххьана хадийча санна.
* * *
Кхин ши-кхо бутт а белира Ахат Селитина дуьхьал ца кхеташ а, и ган ца гIуртуш а, Асеткульца шен доттагIалла цо хаза дIакхоьхьуш… БIаьстенан йуккъехь вирусни грипп кхетта, пехашна хьу а йоьлла, вуьйжира Ахат. Беснеш йогура, бIаьргаш чуэгнера. Лоччарна крахмал а тухуш, йижарша кечбинчу кIайчу назбарна тIехь, мархашлахь бутт санна, Iуьллура цуьнан гIорасиз дIакерчина корта.
Могашалла эшна йогIура: кест-кеста, гаррехь вегавора, хоршин чорпахь санна, хьажа тIе шийла хьацар а детташ. Бес-бесара ойланаш оьхура лозучу коьрте. Цкъа шен тIамехь лелар дагадогIура, ша цигахь ца вуьйш висарх хIинца тамаш а беш. ТIаккха, хIинца вала там бара ша, олий, шекволура. «ХIинца валар, ма хатI доцуш а хир дара», – дагатесна, кхоьлира и. ТIамехь, цхьа йуьхь дIаиккхичхьана, вола а вулий, валарх ца кхоьрура, и хьовха, ойла толамехьа а йолий, валар-висар тергал ца дора, xIop сохьтехь а гонаха дукха гора шел тоьлла накъостий оьгуш. Цигахь даима массеран а коьртехь цхьаъ дара: толам баккхар! Ша валарх хIумма а ца хетара биснарш толаме кхаьччахьана. «Ткъа хIинца лахь?» Кхеравелира и – дукха йара кхочушйанза, хьайаза а йисина хьоме ойланаш: атоман ницкъаца мотораш лелийтар, Эйнштейнан цхьадолчу терахьех кхиар, важадерш йухаталлар! Цкъацца цуьнан коьрте, кхечуьнга и хьахо а ца хIоттал, йаккхий, аьрха ойланаш хьаьвзара. И ваьхьар а вацара хьаьнг-хьаьнга а уьш йийца, нах инзар а бевлла, шех къахкарна кхоьруш. Амма шен кхетаман кIоргехь уьш кхобучуьрий, цаьрга сатуьйсучуьрий ца соцура и цкъа а.
«Вуьззинчу Iилманчин некъ шина декъехь бу: хьалха – шен Iилманан устазана кортабеттар, тIаккха – иза ластавар, цуьнан гIалаташ дIадохуш», – дагадеара цунна тоххара институтехь шайна хьехначу профессоран дешнаш. «Иштта ца дира, Ткъа къоначу Эйнштейна цу къеначу Ньютонна? Гуттар и цуьнан йийсарехь висинехь, хилла а хир варий цунах Эйнштейн?» – ойла йора цо.
Доьшуш а, тIамехь а даим кисанахь лелош блокнот йара Ахатан, цхьацца хьесапаш тIейаздеш. ТIорказ чохь ткъех сов Iохкура уьш, тIехьажа paгI ца кхочуш. Царна тIехь а дара хIинца а цунна мехала хета хьесапаш… Ткъа цIеххьана ша лахь, – уьш кхоам хетара. ТIаккха йуха а, ойла хийцалора: «ХIуммаъ дац сан сайн цIе Iилманехь ца йисарх а, суна дагадаьхкинарш цхьана кхечунна а дагадахказа дуьсур дац… Ткъа нагахь со сайн цIе иштта чIогIа йуьйцийла лууш велахь, «Эйнштейн» йа «Ландау» сайн псевдонимаш леричхьана ца волу со?» – ша-шех велакъежара иза. «ХIун башхо йу? Велча, дIа ма долу шадерг а цIенна! ХIетте а дахаран марзонах а Iабаза, шен декхар кхочушдаза валар новкъа-м хета…» – цу тайпана ойланаш оьхура йух-йуха коьрте. Цамгар а йахйеллера.
Денна йогIура Асеткуль, собаречу бIаьргаш чохь безаман йовхо а йохьуш… Там хуьлура и йуххехь гуш. ХIетте а даго къайллах цхьана кхечу хIумане а сатуьйсура, шена а ца хууш. Ма-дарра ца къаьстара и. Амма…
Цамгаро цкъацца, маларо санна, къонахчалла малйой, кхетамо хIинццалц нуьцкъаша дагна тIейожийна ойла дIа а тоттий, деган буххера хьалайоккху, хIетталц хьулйина латтийна деган бакъйолу ойла…
Тахана, Асеткуль йанза йисинчу кху сарахь, къаьсттина ойланашка вахана, сагатдеш Iapa Ахат. Кест-кеста корах арахьоьжура: цхьа а ца гора… «Асеткуле кхайкхийта а хала ма дацара»… Ткъа ойла йича, ша Асеткульна сагатдеш а ца каравора Ахатна. Селхана дуьйна сихха гIоли хилла йогIура цунна, хIетте, дагна луург хIун ду а ца хууш, йочанечу дийнахь санна, гуш бахьана доцуш, сахьийзара! ЦIеххьана цецвелира иза: Селита… хIаъ, Селита йара цуьнан даго йоьхург! Цу ойланна тIекхаьчча, дерриг шашаха къаьстира. Корта серлабелира, мархаш дIасахилча санна, даг чу нур летира. Амма, йуха, Асеткуль шеца дика хилар а, шаьшшиннан чIагIйелла йаьлла йукъаметтиг а дагайеъна, цIийвелира Ахат, ша оьзда ца хетта. Ша-шена бехк а биллира цо, амма хIетте а Селитин амат, набарх дуьхьалтуьйсу гIаларт санна, йух-йуха а лаамаза хьалха хIуьттура. Асеткуль йуха нуьцкъаша дагалаьцна, ша-шен човхийра Ахата, шен ма-хуьллу Селитин амат даг чуьра дIатоттуш… Амма… ницкъ ца кхочура – бIаьра хьалхахь суй хилла сегара Селита. И суй, севсаш, сихха боккха хилира… Цунах яьлла цIе цIеххьана яьржира, берриг а кийра дIалоцуш. Кхин цкъа а, кхин цкъа а, и цIе мел йайа и гIортарх дош ца хилла, тIаьххьара а, ша шен лаамехь, кхин цхьа а дуьхьло ца йеш, йа йан а ца гIуртуш, дуьнен чохь массо а хIуманел а и цIе мерза хетта, хецца ша цуьнан маравахара цомгушниг. Селитех йоьзна самайевллачу ойланаша верриг а йукъахьарчийра иза.
«ХIун ду-те xIapa? Нахана а хуьлий-техьа xIapa санна дерг?.. «Мила йу а ца хуу нохчи»… – дагадеара цунна. Цкъа ойла хуьлура кху сохьта, кхин тIаьхьа ца тоттуш, Кульджанах безаман геланча йина, эхь-бехк а дитина, Селите схьакхайкха, дог паргIатдоккхуш, шадерг а цуьнга дIадийца. Амма, ша тоххара, шина а йишина хьалха йина чIагIой, шена сел хьанала йолу Асеткуллий дагалоций, эхь тулий, IадIара и, чухула хьийзачу Кульджане а вист ца хуьлуш. Вешин кхоларан тидам хиллачу Кульджана хаьттира:
– Ваши! Хьо ма таьIна ву? Корта-м ца лозу хьан?
– ХIан-хIа… Ца лозу… иштта дIа ойланаш йо-кх…
ТIаккха а бохура Ахата дагахь: «ГIиллакхехь а ма дац иза, лулахь Iашшехь, ша а соьга хьажа цайар… со цомгуш хилар хазаза-х йаций и… Тавсолта а ма веанера».
Селитас-м хоттура йижаршка цуьнгара хьал-де, цкъацца чухIотта ойла а хуьлура, амма, цуьнан йижарий шеца шийло а гой, бIо ца булуш, IадIара.
* * *
Вукху дийнахь йеанчу Асеткула хаьттира Ахате:
– Муха йаьккхи ахь буьйса?
– Дика йаьккхи.
Ахат кхоьлина а хетта, цуьнан дог айа Асеткула забар йира:
– Са-м ца гатдира ахь? – ша селхана цайарна бохург дара цуьнан и.
БIаьрганегIарш дIа а дийшийна, йуьхь яй-й цIийлуш, гIийлла велакъежна, мукIарло дира кIанта:
– Сагатдира…
И тайна, сарралц а, цуьнца къамеле йаьлла, дIа ца йоьдуш Iийра Асеткуль…
И дIайахча йуха а кхоьлира Ахат. Чухула тийна, шен йимаш деш, хьийзачу Кульджане бен доцчуха хаьттира цо:
– ХIун деш бу вайн лулахой? Гучу а ма ца вели тахана… Тавсолта а?
– Дика Iаш бу уьш-м…
ТIаккха цIеххьана, Ахат цецвоккхуш, догцIена:
– Селитина сагатдо хир ду ахь, ваши? Кхайкха ас цуьнга? – эккхийтира Кульджана.
СоцунгIа а хилла, шовда санна, шен цIена лепачу бIаьргашца вешига хьоьжура и, ладоьгIуш.
– Ма кхайкха-те!.. И мичара даьккхи ахь… газа! – оьгIазвахара Ахат.
– Со кхийтира, ваши… – элира йуха а йелхаийзочу Кульджана, – ахь Асеткуле «сагатдира» ма-элли, и хьанах дара.
– ГIалатйаьлла хьо, сан йиша, – хьастарца и тейира Ахата, амма шена а эхь-м хийтира ша бакъ ца луьйш. ТIаккха шен дагахь цецвелира: «Суна сайна а ца хууш, со-м верриг а гуш ма хилла суо ма-варра… ХIан-хIа… кхин дIа ишта дита йиш йац xIapa… къасто деза… цхьа йист йаккха йеза»…
«Бакъду, дуккха а хуьлу дуьнен чохь кхин а баккхий бохамаш: бIарзвалар, хьервалар… валар. Делахь а, мел баккхийчех бала бу-кх йезачунна цавезар!» – дагатесира цунна.
Шех кIеззиг къахетта йуха а ойла кхоьлира Ахатан. ТIаккха, и осалалла хетта, ша шен дагахь човхийра цо. Цуьнан йуьхь йусайелира. ТIаккха йуха а карара йаьлла, генна дIайахара Ахатан ойланийн зIе.
«Суна-м ца хаьий-ца ма-дарра цуьнан дагахь дерг хIинца а!… ТIаккха дагатесира: «ХIун дина вер вара-те кху балех?». Ша Iуьллучохь Кульджане, схьа а кхайкхина, кехат делира цо:
– XIapa книжканаш йал библиотекера…
Ойла йира: «Хааро а наггахь гIo дора-кх балех вала»… ТIетаьIIина, боккхачу тидамца йийшира цо: Стендалан «Безамах трактат»; Тургеневн «Безамах повесташ»; Купринан «Олеся», «Гранатовый браслет»; Горькийн «Безамах дийцарш»; Стефан Цвейган «Цаевзачуьнга кехаташ»; Джек Лондонан «Зудчун хьуьнар», «Мартин Иден», кхиерш а.
ХIинца Ахатна ша хаарча хийтира цу гIуллакхан – «практикехь а, теорехь а» –, шех гIийла велакъежира и. Оцо баккъал гIo а дира кийрахь йогучу алух кхиа, и йовза, амма и йайа хIумма a гIo ца хилира оцу «хаарех»: «рак цамгарх лечу лоьранчул башха», – йуха а шех муьста велакъежира и.
И холчухIоьттира: «Ахь Iалам неIарехула дIаэккхадахь – и корехула йуха чуэккха, ахь кор тIечIагIахь – цо оьккхуьйту хьан доллу цIа», – дагадеара цунна цхьанхьара-м дешна и къиза шира кица. Эццигахь тIаьххьара сацам бира: ша хьала ма-гIаьтти, доллучул хьалха Селите дагардийца, шен йукъаметтиг тIаьххьар а къастош. «Со ма Iовдал ву! Цунна хIун хаьа? Ас аьллий цуьнга цкъа а – хьо йеза! Дийциний ас цуьнга ма-дарра?.. Цуьнца шецца дийцича, къаьстар ду дерриге а»…
Кхин а кIиранах Iиллина, хьалагIаьттира Ахат. Ша дуьххьара араволучу дийнахь, корехула, балхара чуйогIу Селита а гина, маж а йаьшна, цIена тIедуьйхина, цуьнан неIаре хIоьттира иза. Йай неI туьйхира. Уча йелира Селита, белшаш тIехула охьахецца чIабанаш а лестош. Цунна тIехь, цуьнгахь сов товш хета, боьмашчу штапелан, гIодайуккъехь кIеззиг хабийна, кIайн мохарчий оьху, коч йара. Коьртахь дай тасаделлера, и хьалатилла ца кхиъна, сийна тIедарчий долу дарин йовлакх. Йекхначу йуьхьаца, кIархаш туда а кхиаза, коггашIуьйра дуьхьала йеара Селита:
– Марша вогIийла, Ахат! Ма дика ду хьо хьалагIаьттина!
– Де дика хуьлда хьан, Селита!
– Кхин цомгуш ма хуьлда!.. Йижаршка-м хоттура ас… цайарна бехк ма билла!
– И-м хIума дацара… йеанехь, хазахетар дара.
ЙоIе хьаьжжинчохь соцунгIа хилира Ахат: хьалхачул а хазахийтира Селита. Къона ницкъий, могашаллий цхьаьна ийна, цуьнан кIайн чкъор кийрарчу алунах догура. Бен йоцу и коч а, йоьIан оьзда гIодайукъ билгалйоккхуш, башха товра… ЙоI шийло схьахьаьжира. Ахатна дагатесира: «Ма йоккха башхалла йу тхойшинна йуккъехь: кхузахь, синтеме а хеталуш, лаьттачу суна цуьнан когана барт баккхар а доккха ирс хетар дара, ткъа цуьнан дагахь аьттехь а дац и санна дерг…»
Селитас бIаьргашца кхунна хIун оьшу хоьттура… Цуьнан хазалло хIинца а вагийна, ша лаьттачохь кIеззиг вухахилира Ахат. ХIинца цунна байра йоьIан ховхачу лога тIехь, динбухка уллохь, цIенчу чкъуран кIайлла кхин а серлайоккхуш, богу жима Iаьржа тIеда: иза а, йоьIан массо хIума санна, тамаше хетара. ЦIеххьана дагатесира: «Ма дика ду со тIамера цIа кхаьчна, дуьнен чохь хьо йуйла хиъна! Хьо суна гина! Дукха хан йоццуш со веллехь а, кхин гур йацара-кх.
Ма инзаре ду-кх и исбаьхьалла мацца а цкъа лаьттах гIyp йу бохург!»
Амма кху сохьта, мел чIогIа тидам барх а, гуш йацара цу хиндолчун цхьа а билгало. Даго тIе а ца лоцура, кхиберш а санна, иза а лийр йу, йа къанлур йу бохург: Iаламо, иза кхуллушехь а, шатайпа, цкъа а хийцалур а йоцуш кхоьллича санна, хетара Ахатна.
Хецца йоьIан бIаьра хьаьжира Ахат. Тохара тIамехь атаке вахарал а хала хетара хIинца йоIе дог даста. ХIетте а, цкъа ша сацийнарг кхочушдан Iемина вара и, тIаьхьа хIуъу хир делахь а.
– Селита! Хьоьца цхьа къамел долуш веана со… мегар делахь? – хаьттира цо тийначу, амма ца дегочу озаца.
– Дера мегар ду-кх! – йогIайелира йоI.
Цамгарх хIинца а дика меттавазачу Ахатна, сов вулаваларна, шен детталу дог хезара, голашкахь а шатайпа шело хаалора. ГIанта охьалахвелира и меллаша:
– Мегар дуй?.. Охьахаахьа хьо а.
Шен кучан йух хаза нис а йеш, дуьхьаларчу гIанта охьахиира йоI.
– Селита, хьоьгара цхьа хIума хаа лаьара суна… Хьоьга хаийта а дара… мегар делахь? – къоро луьйра и.
– Дера, мегар ду. Сайна хуург эр а ма ду ас хьоьга, Ахат…
– Селита, хьоьга и хаийтаза ву со хIинццалц… хьуна хьайна и хиъна дацахь… амма кхин дIа хьежа сан йиш йац. Суна йеза хьо… ХIумма а хьайга сатийса бакъо лой ахь суна? Соьга йан хьо резаелахь, ахь дош лахь, оьшшу собар дан а, ахь аьлларг кхочушдан а кийча ву со. Амма цхьа дехар ду сан хьоь… со тIемало ву… мел къаьхьа хиларх, бакъдерг, хьийза ца деш, ма-дарра схьаалар… Бехк ма биллалахь… – Ахатан йуьхь жимма кIайелира.
– Дика ду, Ахат. Ахь дехарна, ас нисса дIаэр ду хьоьга. Хьуна ала хIума дац сан, амма суна кхин веза хьалххе дуьйна. Ас дош делла. Со кхечуьнга хьоьжуш ю.
Ахатан цIоцкъамаш кIеззиг хьаладахара:
– Баркалла хьуна!.. ХIинца со тIехваьлларг ма ларахьара ахь… Хьо кхузахь йолу ши шо а сов ду… хьуна тIехьийзаш кхин цхьа а ца го, йа оьхуш кехаташ а ца хаало… Бехказлонна-м ца боху ахь… Мила ву иза?
– Увайс.
Ахатан бIаьргаш тIе марха лецира:
– Иштта чIогIа веза хьуна иза?
– Веза.
– Иза вайна-х масех шо ду… Мел хьоьжур йу хьо цуьнга?
– И цIа валлалц.
– Ца вагIахь?
– Boгlyp ву!
Ахатан бIаьрганегIарш ойлане охьадахара. Йуьхь а, тIулгах йича санна, чIогIачу сибатехь лацайелира цуьнан. Масех секундехь, меттах ца хьовш, иштта Iийра и, гIорийча санна. ТIаккха меллаша хьалагIаьттира.
– Iодика йойла хьан, Селита… Дала цIа верзавойла и! – дIавахара Ахат.
Шена ца луучу aгIop чекхдаьллехь а, и къамел хилла дохко ца ваьллера Ахат: «ХIинца гIуллакх къаьстина ду! Иштта тоьлу! ХIун ду а ца хууш, сагатдечул!» – ойла йора цо, чохь гIанта а хиъна. «Бакъду, Iожаллел чIогIа бу, олу, безам… амма безамал чIогIа ду дахар!.. Ваха веза! Болх бан деза!.. ТеIа мегар дац, Ахат!» – ша-шен дог уьйура цо. «Массо а тайпа ирс цхьаьнге ца кхочу кху дуьнен чохь… Тоьар ду суна толам гар… И боккхучохь хилар… ТIамера сийлахь цIакхачар… ЦIеранаш дийна карор… Институт чекхйаккха кхиар… Ткъа хIинца… Iилма! Иза а ма ду сан карахь. Цуьнан а кхочу дахаран марзо йовзийта ницкъ. Дерриг сайн дисина са хIинца ас цунна дIалур ду», – ойла йора цо…
И дIаваханчул тIаьхьа кестта чукхечира Тавсолта. Селита диван тIехь йоьлхуш Iapa.
– ХIун хилла хIинца? – хаьттира дас.
ДегI нисдеш хьалагIаьттина, йовлакхан тIомаца бIаьргаш а дакъийна, дIайирзира Селита, букъа тIехула йеза кIажарш а карчош.
– Сагатло-кх, – дара йоьIан доцца жоп.
НУРСЕДА
Суьйре таьIано йеънера. ДIабузу малх, шен йерриг зIаьнарш цхьамма цIена дIайаьшча санна, берзинабаьлла, йоьза чара санна горга, анайистехьа охьаоьхура меллаша. Лалийна даш санна, йеза, сира лепара дIо генахь Iоман экъа, цунах дIасаоьху хин тачанаш, кхузара дIахьаьжча, севцина лаьтташ санна а хеташ. Йист йоцу аре йерриге дIатийнера. Куьйгаш гоьлех а тесна, учахь хиъна Iapa Селита, малхбузе хьоьжуш…
Дагайала, йа къамел дан, йуххехь цхьа а вацара. Тавсолта а, балхара жеррехь цIа а вогIий, шен гIуллакхаш а дой, сихха КеримгIаьрга, йа, хIинца санна, луларчу ШакенгIаьрга воьдура. Селитин берриг сатийсам хIинца Нурседа кхуза схьайаре бара: «Маца йогIур ю-техьа и?!» Маццалц Iер-те иштта… вовшех а хьоьгуш?»…
Кех чу а хьаьжна, почтальоно конверт гайтира. Селитас, йедда, схьаийцира.
Кехата тIехь Нурседас хоуьйтура: шайн йоI а хилла, цунна цIе Зама а тиллина. Конверта чохь хIинца деаннан сурт дара цхьаьна даьккхина: дений–нанний йуккъехь, берийн гIудалкхахь, тайниг санна, Iуьллура Зама; йуххехь, жIанк санна, лаьттара, буйнахь жима тур а къуьйлуш, Джамбул. «ДIадуьйла!» – бохура йуха а. ХIинца кхин а воккха хиллачу Джамбулан сурт дайча, Тавсолтин цергех хи делира. Царна тIе тахана дIакхалххал, сахьаьгира цуьнан. Дагавала КеримгIаьрга ваханчохь, Кесирин бераш хьоьстуш Iийра вехха. Чукхаьчча, Селита сихйира:
– ХIан, йоI, йаздел цаьрга, схьакхалха алий!.. Кхузахь а карор бу болх а, хIусам а… Шахтанаш йацахь а, колхозехь доккхург а тоьур ду.
Маьлхан цIеста горгал, ша дIабузале тIаьххьара бегийна, анайистах хьакхабелира. ШолгIачу дийнахь йуха а кех чухьаьжира, IиндагIа санна, татанза, почтальон. Селите телеграмма дIа а йелла, дIавахара.
Селитас йийшира: «Бохам хилла, шахтехь Расул велла. Нурседа».
Селита, диван тIе охьа а йоьжна, йоьлхуш, чукхечира Тавсолта.
– ХIун хилла хIинца? – йоьIан йелхарехь а хилларг кIезиг хIума доцийла хаьара. Телеграмма шена йешча, корта охьабахара Тавсолтин. Зу санна, кIохцале мекх кеггийра дегадора. КIац йиллинчу кондарех тера долу цIоцкъамаш ваьштадахара. БIаьштига тIера сийна пха, цIубдарх тера, бусабелла, сеттира.
– Ма йелха йоI! XIapa вайна хила Iеминчех ду… Лан деза! – малделлачу боларца уча велира иза. Бакъ ца хиллера: «Арахьара вон – нуц велла догIийла», – боху кица… Кериме хабар дахьийтира.
Нурседин доьзал схьабало йаха тохайелира Селита цу сохьтта.
– ХIан-хIа, оццул бехачу новкъа йоI яхар товш дац. Со гIyp ву, – дуьхьалвелира Тавсолта.
– Хьуна некъаш а довзац, оьрсийн мотт а ца хаьа, – тIe ца тайра Селита. Балхахь а, лулахь а биллина буьйцу казахийн мотт Тавсолтина хIинца шерра Iеминехь а, амма оьрсийн мотт кхин ца шарлуш, бисира цуьнан:
– ХIума дац, суна казахийниг хаьа!..
Iуьйранна схьакхаьчна Керим, комендантера бакъонаш а йаьхна, Нурседа схьайало оцу саррахь цIерпоштахь ша новкъавелира. Цхьа иттех де даьлча, схьакхечира Нурседа шен берашца, Кериман гIоьнца.
Цуьнан йерриг йийбар контейнерца схьатесира цигара, ца оьшу севликаш эха мехах дIа а йоьхкина. И схьакхаьчча, ма-дарра хиира хилларг: шахтина бухахь, кIоранна буру тухуш, ткъех сов белхало а волуш, тIехарцца йоллучу гIайракхна кIел Расула шен вагонетка хаьхкина. Эццахь окъам тIе а йоьжна, и хьаьшна, амма, цуьнан вагонетко йаьккхинчу хараллехула ара а лелхаш, адам лечуьра даьлла. Шахтин урхаллой, цигарчу бахархоший чIогIа сий деш дIаверзийра Расул. Доьзална ахчанца гlo а дира, берашна пенси а хIоттийра. Амма, рицкъанан хало йацахь а, Нурседина Iаьткъира ша хеназа Расулах йалар а, бераш сел хьалхе байлахь дисар а… И схьайеъна бутт чуьрчу тезетахь: сагатдеш, боьлхуш, кадамаш схьаоьцуш, массара а Нурседин догъоьцуш чекхбелира…
Йалташ лелочу бригаде балха йахара Нурседа, шурин-товарни фермехь меттиг а ца хилла. Детъясли нисдина Джамбуллий, Замий, нене ца кхочуьйтуш, ша дIасакхуьйлура Селитас. Шен ма-хуьллу балхана чуйуьйлира, шен бала сихха бицбан гIерта Нурседа. Тавсолта хIинца хьалххе чувогIура. Къаьсттина синкъераме вара, хIинцца мотт Iемина вогIу, дIаьндарг санна, чухула хьийза Джамбул, и тIе а озавой, мара а къовлий, Тавсолтас олура:
– Хьо-м хьайн метте схьакхаьчний, хьайн цIарах йолчу колхозе!
Цхьаьна дара. Бертахь Iapa. Амма, шина бераца Нурседа а тIекхетча, пхеанна сов готта дара xIapa цхьа цIа. Нурседин цхьайолу хIуманаш, чу ца тарлуш, арахь paгIy кIел Iохкура. Нурседа тохайелира. Цкъа дIайоьлла цо, гIоьнна кийчачу Шакен-aгIaгapa, и шаьш чохь Iан цIа, боггIу мах а белла, учица схьаэцна, шайн дола даьккхира. Шакен-агIас ишттанехьа тIе варкхалш а, уьш къовла атланаш а делира. ТIаккха райбанкера переселенцашна цIенош дан луш долу ссуда даьккхира Нурседас. Мел оьшу гIиpc хьалххе гул а бина, августехь катоьххана тIедан долийра кхин цхьа цIа. Цкъа, сихха чхо а йаккхийтина, тIон лард йогIийтира. ТIаккха, нахера эцна, буьйда кибарчигаш мехах дIайоттийтира. Шифер йелира колхозо. Тавсолтас тхов тиллира Кериман гIоьнца. Оганаш, пенаш хьохуш белхи бира. Кесира тхьамда а йолуш, Айгеримас, Кульджана гIo а деш. Кир бацарна, Нурседассий, Селитассий цкъачунна кIир туьйхира, кхузахь кхечара а санна. Октябрехь дина делира и цIа, массеран а гIоьнца. Амма Нурседа, суй санна, ша ца хьаьвзинехь, и хир дацара иштта сиха. ТIаккха, дуьйладеллачуьра, вукху цIенна а ремонт йайтира, кор, неI а тодойтуш. Шина а чу аннаш тохийтира. Керлачу цIа чу а йаьлла, дений, йишиний йуххехь йаха хиира Нурседа шен берашца. Селита а ша йолчу цIа чу йаьккхира цо, Тавсолтина дехьа чохь паргIато йитархьама. ХIуманаш, йерриш схьа а йаьстина, дIанисйира керлачу хIусамехь. ТIорказахь дIадиллина Iиллинчуьра схьа а эцна, Нурседас пенах дIатуьйхира цIера схьадеана долу Ленинан доккха сурт. Гуьйрено схьакхачийра шен комаьрша совгIаташ а: стохкачул сов делира Тавсолтина йалта, гIеххьа Нурседина а кхечира. Пачхьалкхо гIo деш, уьстагIий а делира цу шарахь. Йуха а даха дог догIура.