bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнаша ца дицдо

Магомет Абуевич Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

– Иза-м йоккха хан йац, Нурседа! Кхечу меттигашкахь-м кхоъ-диъ шо а долу… Интернат йилла атта хета хьуна? Делахь а, со хьожур ву.

– ТIеоьшу ахча ца карош, Минфинехь а хилла со: «Ахча дац, оцу гIуллакхна кху шара ахча ца делла», – боху министран хьалхарчу заместитело.

– Стохка делларг а шен хеннахь аш дIа а ца эцна, дайра, бохуш а, хезна суна…

– Ца эцна-кх СМУ-н бехкенна. Ткъа СМУ а бехказа йуьйлу, цунах схьаэца гIирсаш а ца хилла, дайра и ахча, бохуш. ХIинца оьшу гIирсаш Главснабехь гучубуьйлу, амма уьш схьаэца тахана тхан ахча дац! ХIун дан деза оха?

– ХIинца министрана тIе гIуо. Обкомехь бурч йоьхкина хьуна цунна.

– Дика ду. Цо и гIуллакх ца дахь, обкоме а йер йу.

– Сихлолахь: кестта Москох ваха мегаш ву хьуна иза… ХIан, шун секретарах кхета со, и чохь волччуьра! – аьлла, Iодика а йина, аравелира иза. Кестта йухакхечира Селита.

– ДIавахара хьаша? Ма оьзда стаг хийтира суна иза, – Усманов Iийнчу гIантехьа корта ластийра Селитас.

– Ву иштта: кхаьънаш ца оьцу, аьшпаш ца бутту… болх нисса бо, йамартло а ца йо. Шен доьзална а, зудчунна а хьанала ву. Молуш а вац. Делахь а… лакхарчу кхеташонехь ша нисвелча, цхьа къовсаме гIуллакх иккхинчохь, цо цкъа а цунах шена хетарг ца олу, боху, цкъа лакхарчарна хIун хета а хиъний бен: IадIа, йа йовхарш а тухий, араволу. Сан хьесапехь, иза стешхалла йу – карьеризман нана!

– Ткъа!.. оцу зудчо хIун бохура, ва Нурседа?! Иза хIунда элира цо хьоь?.. Керимах лаьцна…

– Ша эладитане йолу дела! Цхьаъ хезна!..

– ХIун хезна?

– Селита!.. Бакъ ду иза. Суна тIехьийзаш ву и кху тIаьххьарчу хенахь, суна везаш а ву. Хьоьга тахана-кхана и дийца дагахь Iара со хIинццалц, хьох ца хIуттуш а… сайн дагахь и къастталц а… Тахана кхин цкъа а соьга дийхира цо шега йар. Кхана тIаьххьара жоп а деза цунна. Ас ойла а йина, ас и сацийна…

– ХIун сацийна ахь?

– Цуьнга йаха.

– И муха дало хьоь, Нурседа? Расул а вицвина! Хьан-х цунна дина кхиъна догIуш ши бер ду. ТIе, вайн да а карзахвер ву… Оццул гергарло а лелийна, йуха… Ма товр дац и дадина! Йа… нахана а!

– И-м бакъ ду. Ткъа хIун де ас? Сан-х, хIинца а ткъе кхойтта шо бен ца кхаьчна… Йа… иштта лела йеза со а? – йерстанарг Iийнчу гIантехьа корта а ластийна, хаьттира Нурседас.

– Ой, иштта а, вуьшта а ца лелаш, IадIан ца мега, Анна Львовна санна, хьайн майрачун сий а лардеш, бераш а кхиош? Уьш-х кестта баккхий хир бу, ахь жимма сатоьхчахьана.

– Вайна тIом а бац, ас собар дан, тIе, уьш кхиъна бевлча а, ма хир йу со шовзткъа шо а кхачаза. Зама маре гIyp йу, Джамбул, Каташ санна, цхьанхьахула дIатаьIар ву. ХIинцалера къонанаш-м, хьаха, бац, тохара вайша санна, дайн-нанойн йаххаш а лаьцна, лелар болуш. ТIаккха хIун дан деза ас?

– Расул а вицвина… Ма везара хьуна и…

– Шен хенахь и везара… ХIинца xIapa веза. Цхьанна а ас йеш хьарамло а йац. Расулан шина берана Керим дика да а, Кесирех дисинчу шина берана со хьанал нана а хир йу! Оцуьнан а йел ахь ойла!

– Бакъду иза-м! Делахь а… суна хетарехь, соьга далур дацара-кх и санна дерг.

– Хьо шатайпа йу. Наггахь хуьлу хьо санна йерг а. Амма, мар веллачул тIаьхьа дикка хан йаьлча, кхин везавалар йа эхь а, йа ямартло а ца хета суна-м… Да а соцур ву-кх, цкъа карзах а вийлина, хьалха санна… Цунна а мегирий и!.. – тIетуьйхира Нурседас. – Цул а, сан йиша, къона къан а ца луш, белларш а битий, хьайн ойла йе. Цкъа а маре ца йоьдуш, Iан йоллу хьо? ХIун сийлахь ду и? И хьанна оьшу? Суна-м шел тIаьхьа бераш ца дуьтуш велларг Iаламан къу хета, дахарна гергахь а йамарта! Даим иштта чекхйаьррий-те хьо? Нагахь йалахь а – йоккхаеррий-те хьо?!. Нахана а и дош ма ца хета: нахана а дуьне дезарш – шайх теранаш – дукхах ма беза. Цхьа де догIур ду, хьо дохко йолуш, амма и тIаьхьа хир ду!.. Белларш а битий, хьайн гIайгIa бе, сан йиша!..

– «Белларш а битий»… Со кхечуьнга гIyp йац: сан са ду цуьнгахь марехь!.. Хьо дIайахча-м йуьсу со гуттар цхьалха. Цуьнан ойла-м ца йо ахь, сан йиша!..

– Йо ас хьан ойла. Цундела лоьй со-м хьоьга… хьо йоцург сайн кхин йоцу дела! – Нурседас и мара йоьллира.

Ши йиша вовшийн марахь йилхира. Телефон йийкира:

– Дада цIа кхаьчна, цIа дуьйла! – хаам бора Джамбула. Шен кIантаца къамел дина, Нурседа йуха йекхайелира.

– Тамаш бо-кх ас, хьоьга а хьожий: ши йиша йоллушехь, ма цхьатера йац вайша! – элира Селитас.

– ХIунда бах ахь?!

– Хьо даима а йекхаелла, дуьненах йоккхаеш йу, ткъа сан даг тIера, ахь ма-боххура, цкъа а дIа ца бовлу вайн белларш. ЙухабогIур бац-кх уьш цкъа а! Иштта, вай а лийр ду-кх… массо a! XIapa говза куьйгаш, шелонах а лардеш, Iай каранаш а духкий, леладо, xIapa тамаше бIаьргаш, ченах а лардо, дерриг адамийн говзалла вовшахтоьхча а балун боцу xIapa, дуьне а чулоцу, вайн хье – xIopш дерриш а дахкадала деза-кх цу лаьтта бухахь! И дагадеъча… хIинцале а, хьалххехь йелха дог догIу-кх сан… Леш хилча, дан а хIунда до-те вай? Iилмано-м, мацца а цкъа лекъар ду бохийца, латта тIера доллу дахар: адамаш, ораматаш, дийнаташ, бецаш – массо садолу хIума дIахедаш. Цаьрца йовр йу-кх, ткъа дерриг адамийн хазалла а, музыка а, искусство а! Ткъа стенна деха техьа адам, шех иза а буха дуьсург ца хилча? ХIун дуьсур ду-техьа тIаьххьара а вайх, вайн дахарх, вайн ойланех буха? Йа хIумма а вайх буха ца дуьсуш, довр ду-те вай кху дуьнен чуьра, цкъа а хила а ца хилча санна? Оцу ойлано дерриг дуьненах а цкъацца цIена догдоккху-кх сан. Эцца, кхана-лама лаьттах дIадуху долу xIapa йуьхь-куьйгаш а лардина хIун до? Цхьаболчара-м сов лерина а леладо уьш, басарш, хьакхарш хьоькхуш, гIеххьа лелийна ца Iаш. Эрна ма ду и! – олий, цхьа инзаре тамаш булу-кх сан кийра, сан кхетам Iадош, и кхечуьнга хьахо а со ца хIуттуш… ур-атталла хьоьга а!

– Э-э, сан йиша, хьо хьерайала гергайахана. Харцахьайаьлла хьан ойла! – элира Нурседас, Селитин белшах, кегийрхоша санна, эвхьаза куьг а тоьхна. – Гуттар Iожаллех тамаш бечул, гонаха а хьажий, дахарх, дуьненах бе и тамаш! Дахар бу, хьуна, Iожаллел а боккхаха, даима тулуш схьабогIу тамаш!.. Вай ле, амма бераш тIекхуьу, – хIинца Джамбул лийначу телефонехьа корта ластийра цо. – Мичара девлла ца хууш, тIадамал а кегийчу, гуш а доцчу, зирхах долалой, уьш, шайн ойланца дуьненал а даккхий адамаш хуьлий, дIахIуьтту! Вайгара дIаоьций, цара ца ходуьйтуш, дIахьо xIapa дуьне кхин а лакхенга. Шайн дог-ойланца йуха уьш а бу-кх вай дерриш! ХIун башхо йу? Набкхетча а, сама а довлий, йуха а ца деха вай, тохарлеррачуьра вешан гIуллакхаш дIахьош. Изза ду-кх адамийн чкъор хийцар! Вайл тIаьхьа кхуьучарна а, вайна санна, дуьне деза, наб йогIу, – дерриг а вайна мел луурш, вайн хилла ойланаш йу-кх цара а, шайн хьуьнаршка хьаьжжина, карлайохуш, дIакхоьхьурш! ХIун башхалла йу: уьш а вай ду-кх! Ткъа кIоргге дIахьаьжча, вайн дахар вай делча дIа а ца хеда: оцу вайн тIаьхьенца йуха а карладолу! Вайн бераш кхуьу! Царалахь йуха а деха вай! Адамийн чкъоьрнаш, вовшийн хуьйцуш схьаоьху лаьтта тIехь, xIop бIаьстенца дитташ тIера гIаш санна, ткъа адамийн дахар, и дитташ санна, йух-йуха карладуьйлуш дIаоьху. XIop адамийн чкъор. тIедогIучунна шех цхьа пайдехьа керланиг буха а дуьтуш бен, дIа а ца доьду. Тамаш и бу! Хьажал: и дитташ, асфальт а йохийна хьалагIерта и буц! Массо а хIума ду дуьнен чохь, ойла йича, цхьабосса тамаше – жиманиг а, доккханиг а! Зингат а – тамаш бу! Вай батта тIе кхачийна ракета а – тамаш бу! Массанхьа а деба!.. ВПШ-ахь профессора хIун элира хаьий хьуна: «Iожалла дахаран гIоьнча а, цуьнан йалхо а йу, иза тIеттIа карладохуш, цIиндеш, Iожалла йацахьара дуьнен чохь дахар а гена дIадахалур дацара»! Муха хета хьуна? Цкъа, мацца а, Iилмано ма-баххара, вайн Лаьтта тIехь дахар дIахадахь а, и кхечу планетехь йуха дIагIур ду, кхин а лаккхарчу тIегIан тIехь, керла зазадоккхуш. Дахаро, цкъацца, вай а ма-хийццара, шен квартира-м хийца тарло, амма довр-м дац и цкъа а дуьненан паналлера! Оцунах йоккхайел хьо! Оцунах бел ахь самукъане тамаш, белларш дагалоьцучул… Суна а богIy, хьуна, уьш-м дага. Йелха дог а догIу сан тIаккха. Делахь а соьга хIун хийцалур ду? Иштта ду-кх xIapa дуьне! Амма, хьуна санна, xIapa вон кхоьллича санна-м, ца хета суна! Ткъа хIун ду «кхана-лама лаьттах вай дIадухкург» хилча а? Валар дац дуьненахь коьртаниг, дахар ду! – аьлла, дерзийра Нурседас.

Селитин йуьхь йекхайелира: Нурседа цу сохьта шел йоккха хийтира цунна.

НeI туьйхира.

– Мегар дуй?

НеIарехь гучувелира Баштиров. Селита, хьалагIаьттина, Iодика а йина, дIайахара. Баштиров стоьла хьалха дIахIоьттира:

– Ахь кхойкху бохура…

– Кхойкхура-те! Валол, хьалхарчу секретарна тIе гIyp ду вайша, – Нурседа хьалагIаьттира…

– Нурседа, ма вигалахь со цига… ахь аьлча а тоьу, хьуна, суна.

– Хьайга хIунда кхайкхина хаьий хьуна, накъост Баштиров?

– Хаьа. Иза бакъ дац… Бегаш бинера ас, иза кхеро… Аьлларг ца деш, чIогIа харцахьайаьллера иза.

– Дика ду. Цуьнан беркъа лелар? Хьо-м ву, артист санна, кечвелла.

– Иза шен лаамехь йу-кх. И ма ду ас цуьнга бохург а… Йухур-м йацара и тIелхигаш бен!

– Ткъа хьайца клубе йуьгий ахь и цкъа а?

– Ца йогIу… йа мукъа ца хуьлу. Ас-м, дера, йоуьйту иза, цунна лаахь.

– Ахь хIун дей, накъост Баштиров, и туьйранаш кхузахь дуьйцур дац ахь. Хьайл тIаьхьайисина хьайн зуда, хьайн берийн нана, хьайга нисйан хьажа. Реза ваций – къамел ша хир ду! Реза вуй – бутт хан йу хьуна! Кхочуш ца дахь – гIуллакх ас генадоккхур дуй хаалахь!

– Реза ву со-м. Дера ву-кх…

– Велахь, охьахаал, дIаяздел иштта!

Баштиров меллаша йаздан охьалахвелира…

ГАРА ЧУРТ

Эскинойхь цIеххьана керла хабар делира: «Тойсум цIавеъна!»… Тоххара, нохчийн махкахбахале дуьйна, Iедало лаьцна вахийтина волу иза, гучуьра дIаваьлла а, дуккханне вицвелла а дикка зама йаьллера. Бакъду, цо хьалха кхузахь лелийнарш а, Казахстанехь цо бехк боцуш «веа стагна бIе шо хан» тохийтар а, наг-наггахь дагалоцуш а, хьахош а нислора йуьртахоша, амма ша оццул дукха зуламаш динчу, ша сел дика вевзачу, нийсса аьлча, ша бIаьрга ван а ца везачу кху йуьрта иза вухавогIур ву бохург цхьанна а дага ца догIура.

 

И цIавеъна аьлла, шена ма-хеззанехь Тавсолтас лаьттах туйнаш туьйхира:

– ОстопираллахI! Ма эхь доцуш стаг ву иза…

Эскиной ша веъанчуьра чухIоьттинчу Керима хаьттира Тавсолте:

– Баккъал а веъна?.

– Веъна… Бердан йистехь дех дисинчу цIеношкахь дIанисвелла… Ша ву… Бераш дац… Зуда Казахстанехь йелла… Ма веа велара кхин эзар шарахь… Хьажахь: ламаз а до, рузбана а веънера… Цхьа зулам кечдина ма хилахьара цо йуха а… Шен хьалхалера амал йитина Iийр ма йац борз…

– ЦIабаьхкинчара хIун леладо, хIун дуьйцу хьажар хир ду-кх хIинца цунна тIедиллинарг… И хIумма а доцург ду… Хьалха санна, нах чубохкийта таро хир йац: харцдерг тIе ца лоцу хIинца, – Тавсолтин сапаргIатдаьккхина, дIавахара Керим.

Керим райкомпартина хьалха кхоччуш, майданахь дуьхьал кхийтира цунна Тойсум. Иза шена ца вевзинчуха Керим тIехвала гIоьртира, амма, малх санна векхавелла, тIамарш а йаржийна, мараэккха дагахь тIеволавелира Тойсум:

– О, сан хьоме вешин кIант!.. Ганза мел дукха хан йара!

Керим, ши куьг тIехьа а дохуьйтуш, буьрсса дIахIоьттира.

– Ой-й!.. Хьо ма шийла ву соьца, сан вешин кIант… ХIун хилла!

– Цкъа-делахь, ас хьоьга тоххарехь аьлла: со цкъа а хьан вешин кIант цахилар… ШозлагIа-делахь, хаьий хьуна, бехк боццушехь ахь бехке а вина, бle шо хан тохийтина виъ стаг хIинца, Советан суьдо бехказа а ваьккхина, схьахецнийла?! ХIинца хIун олу ахь?.. Хьо харц теш хилар, хьо йамарт хилар цуьнца Советан суьдо а чIагIди!..

– Ахь хIун до?.. Батта тIера охьавоьжча санна… Ма чIогIa кхехка хьо… ХIетахь зама кхин ма йара!.. Хьо-х коммунист ву. ХIетахь пачхьалкхо, партис суна и тIедиллира – ас партис боххург кхочушдира, суо коммунист волу дела!.. TIe, хIетахь НКВД а йара… тур текхаш. Цу тIехь суна хIинца билла бехк а бац, ша коммунист волчуьнан муххале а, – куьйгаш хьалатуьйсура Тойсума.

– Молла Бауддин воцчун!.. – Iоттар йира Керима. – Цо а, цуьнан накъосташа а, шаьш бакъбина схьахецале, масех шо эрна чохь ма даьккхина… ахь… динчу тешаллица!..

– ДIавалахь дIа!.. Ахь хIун дуьйцу?!. Со-х молла Бауддица вай цIа а дахкале Казахстанехь куьйге вахана, вовшашна мара а кхеташ. Цо-х суна гечдина ша ара ма-велли… шен а, накъостийн а цIарах. Со хIинца мила ву хаьий хьуна: партин ветеран! персональный пенсионер!.. – шен некха тIе, значок гойтуш, куьг туьйхира Тойсума.

– Делахь-хIета, хьо иштта чIогIа коммунист велахь, сел атта хIунда тIелоцура ахь НКВД-с хьайна тIедуьллу и харц тешалла?

– Хьуна стенах хаьа, ас и «сел атта» тIелоцуш хиллий?.. Вай махках даьхначул тIаьхьа, айса хьалха мел лелийначух а дог даьлла, дохковаьлла, йерриге а сайн уьйраш а НКВД-ца дIа а хедийна, цара схьакхийдориг а тIе ца лоцуш… сайн лесопилки тIехь парггIат сайн болх а беш, оцунах напгIа а хуьлуш, Iаш ма вара со… Эххар цхьа ревизи а йеъна, пайдабоцчу хIуманна тIехула со чувоьлли… ТIаккха… эццигахь веар-кха суна тIе НКВД-pa векал, хьайна бархI шо хан тухийла ца лаахь, и гIуллакх тIелаца аьлла – и партис а, пачхьалкхо а тIедуьллуш ду хьуна… ТIаккха дир-кх ас царна и тешалла а…

Керимна, хIинца иза шена цкъа каравеъанчуьра, дIа ца хоьцуш, бухе кхаччалц, цуьнан ойланех кхиа а, ма-хуьллу и Iораваккха а лиира:

– Делахь… суьдехь… царна кхиэл схьакхайкхийча, велха хIунда вилхира хьо? – хаьттира Керима.

– Ой-й… Иза а хаьа хьуна?.. – кIеззиг вуьйхира Тойсум, цIийвелира, цуьнан хьена бIаьргаш кхоьлира, йуха элира цо:

– Сайх къа а хетта, вилхира-кх, «церан» карара ца вели-кх со хIинца а аьлла.

– ХIинца? – хаьттира Керима.

– ХIинций?!. ХIинца-м, хьаха, ваьлла: зама кхин йу!.. Зама хийцайелла!.. Сайна цхьа эссала болх карийна, иза а беш эссала Iийра ву …

– Ламаз а цундела долийна хир ду ахьа?.. Хьо-х коммунист ву.

– Хилча хIун ду?.. Парти дуьхьал йац динна… хьо Iедална йамарт ца хилчхьана… Сан къинош дукха ду… Такха деза… ХIинца ас гойтур ву суо нахана а, йуьртахошна а дикачу aгIop.. Нах а къинтIерабовла мега тIаьххьара а.

… Цара суна гечдийр ду!.. Ас цкъа а дийр дац кхин харц тешалла!.. –чIагIдира Тойсума.

– «И-м хIинца, хIокху муьрехь, бакъ хила а, дера, мега кхуьнан», – ойла хилира Кериман: «Кхин зама йу – кхин эшарш оьшу… ХIинцалерачу «органашна» харц тешалла эшац – цIена бакъдерг оьшу!»

Куьг ца луш, корта ластийна, Тойсуман Iодика а йина, Керим хIинца базарехьа вахара, райкомпарте ваха шен гIуллакх доллушехь, Тойсум а цига воьдуш карийна, цуьнца кхин дIа цхьаьна ца хилархьама. Базарахь, Дала ма хьоьхху, молла Бауддин дуьхьалкхийтира Керимна. Хазахийтира вовшийн гина, маршаллаш хаьттира. Молла Бауддин дикка верстинера Казахстанехь Керимна гиначул. Хьал-де хаьттина бевллачул тIаьхьа, Керимa хаттар дира Бауддига, кIеззиг йуьстах а оьзна:

– Суна хIинца Тойсум гинера… Бакъ дуй цо ахьа шена гечдина бохург, «мара а эккхаш?»…

– Бакъ ду… Мара-м ца иккхира, бакъдерг аьлча… Тхо ара ма-хийцци, баккхий нах а балош, суна тIевеънера иза: «Гечдахьара шена… ца ваьллачу денна, нуьцкъашха тIе а дожийна, дира ша иза»…– аьлла… Баккъал а, ойла йичахь, тхуна и хан тохийтинарг и ма вацара – Сталин вар-кха… Цо и тешалла ца динехь а, тхуна, и хан хьалххехь а тоьхна йара… Харц тешаллина-м, и тIе ца вирзинехь а, кхин а карийна хир вара… Делахь а, и-м верриг а бакъ а ца во-кхи ас: и вуьззина къонаха а, бусалба а хиллехь, и харц тешалла тIе ца лоцуш, цо шена хан тухуьйтур йара. Цул тIаьхьа ша чохь мел воллу а, араваьлча а, ша-шена гергахь а, нахана гергахь а, вуьззина къонаха а, бусалба а волуш, цIенчу адаман сибатахь чекх а вер вара иза… Хьаьнг-хьаьнга а далун хIума-м дац иза… Цуьнга а и ца дан дели… Aмма и санна йолчу тIехIоьттинчу киртиго боькъу-кх нах шина декъе: цхьана агIор – йовссарш, вукху агIор – бакъдолу адамаш… Делахь а, сайна гергахь долчунна ас Тойсумна гечдина, сан чIир йац цуьнца. Шена гергахь цунна йогIу кхиэл Дала ша йер цунна… Амма… сан чIир йац цуьнца!.. ХIун хаьа, хIинца цунах эххар адам хуьлий а?… Товала тIаьхьа ма дац цкъа а!.. – вела а къежна, эсала Кериман бIаьргаш чу хьаьжира молла Баудди: «Хьуна и муха хета-м ца хаьа суна» – бохучу куьцехь… «ХIара молла-м дикка диалектик ма-хилла!» – дагатесира Керимна.

– Делахь а, и суьде вала хIинца хьан бакъо-м йара, цо xapц тешалла дарна! – элира Керима моллас хIун олу хьажа, цуьнан къамелах самукъадаьлла.

– Ас лур-м вацара и суьде, со бакъ а веш, цунна билггала хан тухург хилча а, – элира Бауддис. – Суна, мелхо а, и ша тавелла, ша мел лелийначух дохко а ваьлла, нийсачу новкъа ваьлчахь хазахо хетар дара-кх!.. Иза хIинца, адамийн суьдан кIелхьара а ваьлла,.. Делан суьдехь ву!.. – дог тешийна элира моллас. ХIинццалц молланех ваьшна а воцчу Кериман бIаьрг буьзира хIинца шена гинчу молла Бауддин хьекъалх а, ойланийн кIоргаллех а…

Вовшийн, маракхетта, Iодика а йеш, вовшахкъаьстира и шиъ цигахь…

Кестта – кхин доккха керла дийцар делира Эскинойхь…

Тойсуман кетIахь гала-гIожмех ловзучу шина кIанталгна гира кIайн «Волга», йан а йеъна, Тойсуман ринжехь дIахIуттуш. ТIера охьавоьссина, шляпа а тиллина, сира костюм йуьйхина волу жима къонаха хьаьккхина чувахара. Ринжех керта хьаьжначу шина кIанталгана, къилбехьа а вирзина, бердан йисттехь ламаз деш лаьттачу Тойсумна иза тIеххьашха тIевоьдуш а гира.

Делахь а, иза иштта эвхьаза чувахарх, Тойсуман цхьа гергарниг хир ву-кх аьлла, ши кIанталг, кхин дIа тидам ца беш, шаьшшиннан ловзарга йуха а дIахIоьттпра. XIapa шиъ, къовсавелла, гIовгIа айина воллучохь, дай-й цхьа тата а хезира кхарна, герзан татанах тера, йуха кестта и сира костюм йуьйхина волу стаг, меллаша ринжех ара а ваьлла, сих ца луш, шен машена а хиъна, дIа а вахара – гIалехьа боьдучу урамехьа. Ши кIанталг а, шаьшшиннан ловзар чекх а даьккхина, цIа вахара…

Iуьйранна хи эца Яьссин йисте бухабиссанчу зударшна гира циггахь, хин йистехь, тулгIеша а дашийна, Iуьллуш дакъа. Цара орца даьккхира. Схьагулбеллачу йуьртахошна девзира, багахула чопанаш а оьхуш, Iуьллу дакъа: иза Тойсум вара. «Цуьнан багах схьа къаьркъанан хьожа йеттало» а элира циггахь цхьаболчара.

Райцентре хаам бира. Цигара баьхкинчу талламхоша а, лоьраша а билгалдира: Тойсум, букъа тIехьахула, дагах а хьакхалуш, кхеттачу парабеллуман дIаьндарго вер а, веле хьалха иза дукха къаьркъа мелла хилар а. Талламбечарна, цу шина кIанта дийцинчул совнаха, кхин хIума ца хиира: йа машенан номер а, йа и сирачу костюмехь хилла жима стаг мича къомах, мила хилла а. ТIепаза вайра куьгбехкениг!..

ХIинца доллачул а халаниг дара –Тойсум дIаволла а, цуьнан тезет xIoттo а йуьртахь цуьнан гергарнаш цакарабар. Делахь а, Нохчийчохь дIаволлаза висина цхьа а велларг вац, мел гергарнаш боцуш и висарх. Лулахоша а, йуьрта къаноша а сацийра иза шайн ницкъаца дIаверзо. СагIийна жайнехь магош долу жима caгla даьккхира Тойсумна тIера: цуьнан кертара цхьа-а йолу газа йийна, дIасайийкъира шайна мискахеттачарна йуккъехь. Дакъа лийчийра, йеса дийшира. Амма хIинца и дIавуллу paгI тIекхаьчча, Эскинойра дукха йуьртахой дуьхьалбевлира: «Къаьркъа мелла велла а ву, мотт бетташ а хилла, йуьртана зуламе хилла а ву… кху йуьртан кешнашкахь вуллуьйтур вац», – аьлла. Оцу буса а латтийна и дакъа Iуьйранна дистинера… Грозный-гIала цхьамма-м хабар дахьийтина, цигара эххар схьакхечира Тойсуман вешин кIант лоруш волу Эмин. Керимна а, Тавсолтина а йукъагIерта ца лиира. Эминна эххар схьакарийра Эскинойн кешнашкахь, шайн дай дIабоьхкинчу маьIIехь, цхьа меттиг, амма цунна йуххехь дукха заманахьлера шира, чутаьIна, цхьа каш дара, и ца хьедича йуххе кхин каш доккхийла а йоцуш. Оцу ширачу коша верас а вели – цхьа, маззакъ а воьлла, къена стаг, ша и каш хьадан пурба а ца ло, цунна йуххе и «копар» воллийта ша реза а вац аьлла. Дакъа тIеттIа дистина догIура… Молла Бауддига схьакхайкхира: «ХIинца хIун де вай?» – аьлла.

– Шу бакъ лоь: и мелла хилар а, цо хьалха лелийнарш а дагалаьцча, бакъо йу шун и шайн кешнашкахь дIа ца воллийта. Амма и ламаз тIехь, къилбехьа а вирзина лаьттачохь вер а, цунна, тешнабехкаца, и ламаз тIехь лаьтташехь, тIехьашха тохар а дагалаьцча, вайн бусалба Iедалехь кху йуьртахь и дIаволла бакъо а йу шун, – шун барт хилахь. Соьга шу хоьттуш делахь, ас тадо шуна, кху кешнаш чохь шаьш иза дIа ца воллахь а, кертал арахьа, мукъна, кешнашна гергахь дIаволлар.

Наха тIелецира и хьехам. ХIинца хала дацара: йерриг харж Эмина шена тIе а лоцуш, каш а даьккхира эцца йуххерчу гуна уллохь; докъан ламазаш а дира; дIа а воьллира. Чурт догIар тIаьхьадисира: чурт дийраш, кхечу йуьрта кадаме бахна, цIахь ца хилира. Кхин цхьана дийнахь а собар дина, амма кхузахь кхин хьевала шен балхаца таро а ца хилла, Эмин шен гIала вухавахара, чуртана догIу ахча, нахана а гойтуш, кхузарчу кешнийн охIланехь а дитина. Цхьа кIира даьлча, кешнийн охIлано кечдайтина чурт дIадогIа веара, цо мехах лаьцна волу кхо йуьртахо. Чурт схьадахьаш, схьакхаьчначу шиммо гIo а деш, цара и чурт дIадуьйгIира веллачун коьртехь, мелла а иза гу тIехь а нислуш. Амма чурт, цкъа цхьана aгIop, тIаккха вукху aгIop раздуьйлуш, нийсса дIа ца хIотталуш, дехха къахьийгира цара. Эххар кхин нислург а ца хилла, кIорда а дина, йуха а раз хIоьттинчохь, и кхин нисдан а ца хьовсуш, ша гара дIа ма-xIoттapa, дитира цара и чурт:

– 

ХIумма а дац… Делан цхьа кхиэл хир йу xIapa… Веллачун дахар а дара гара… ХIинца цуьнан чурт а гара ду, – аьлла, сацийра царех воккхах волчо…

Баккъал а, хIетахь дуьйна цу чуьртан цIе, «Тойсуман чурт» ца олуш, «Гара чурт» олий, йоккхура наха. Цунна йуххера меттиг а «Гара чурт» долчухьа, олий, билгалйора. Амма йуьртахоша, Тойсуман «гарачу дахаран» мах даиманна а, оцу тайпана йемалбеш, билгалбинехь а, делахь а, и вийначунна а – иза ламаз тIехь а лаьтташехь, тешнабехкаца, цо тIехьашхула цунна тIетохарна – неIалт кхайкхийра, шайна Тойсум мел ца везаш хиллехь а. Тойсум, цо вийна, чувоьжна болчу оцу бердах а, йуьртахь, «шина къутIанан берд» аьлла, цIе йисира.

ДАГАХЬ А ДОЦУ ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ

Эскинойхь массо хIума а, Нурседа реза йолуш, дика дIадоьдура, амма интернат йаран гIуллакх чIогIа тIаьхьатитталора… Телефонехула дийцарх, дIасайаздарх, дош а ца хилла, Нурседа Грозный–гIала йахара хIинца, Минфинан куьйгалхошна тIекхача. Минфинехь, и гIуллакх карахь ду бохучу министран заместитело – иза хIинца министрехь ду, амма и селхана Москва вахана, цIахь вац элира. Цигара Нурседа йехачу учахула вукху маьIIерчу, министран кабинета чохь Iачу цуьнан секретарана тIейахара:

– Министро ша Москва дIавахале гIуллакх, дерриг кеч а дина, кхо де хьалха Совминан зампреде накъост Элдаровга чIагIдайта делла ду, – элира кхуьнга секретаро.

Сихха кхозлагIчу этажа тIе йелира Нурседа. «Накъост Элдаров Мусит Бекович» аьлла, ангали кIелахь тIейаздина, Iаьржачу дермантинца аьхна, йоккха ножан неI чIагIйина йара: цига чоьхьа а йаьлла, йерриге приемнин цIенкъахула тесначу куза тIехула, татанза, тIейахара Нурседа сонехь Iачу секретарна. Балдех а, мIарех а цIен басар хьаькхна къона секретарша, йиъ телефон роггIана хьалаийеш, жоьпаш луш Iapa:

– ЧIогIа мукъа вац… – доцца элира секретаро, – приемни де а дац.

– Ас-м собар дийр ду, гIуллакх сиха ду!.. – аьлла, Нурседа корехь лаьттачу кIедачу кресли тIе охьахиира…

 

Йуххерчу диван тIехь ша, сагатдеш, йуххе шен Iaca а йиллина, цхьа воккха стаг a Iapa. МаьI-маьIIехь пенех кхозура: «Кху чохь цигаьрка ца узу», «ГIовгIанаш ма йе», «ЦIано хаза йу!» – тIейаздина ангалин бIаьргаш. Шен кога кIелхьарчу кузашка а хьаьжна: «Тата дайа тесна-кх. ХIорш а, хьаха, дара тхан интернатана бакъахьа», – дагатесира Нурседина. Корах хьаьжча, гора генна дIасайаьржинчу гIалин сурт. Гена доццуш охьадогIура, кхузара шен даьржина хилар ца гун, ангали санна малхехь лепа, Соьлжа. Цуьнан аьрру агIорчу «Трамвайни тIай» тIехула дIасатекхара, шайн аьчкийн гIoвгIa кхуза схьа ца кхочу, цIен-можа трамвайш. Вукху йуххерчу «Ленинан тIай» тIехула дIасалелара, кхузара кегийра хетало, цхьацца гIашлой; дIасашершара кIайн- можачу басара хаза автобусаш; дIасалелхара гIовгIане мотоциклаш; цIен жIараш тIехь йогу лоьраллин машенаш; йаккхийра кIайн рефрижаторш – хIораммо а шеца хьора халкъан дахаран цхьацца кийсак. Оцу тIай тIера дуьйна генна дIабоьдура нийса Ленинан урам. Нурседина кхечарел диках а бевзира, беза а беллера и: цуьнца диках гора гIалин кхиар. Нурседина дика девзара цуьнан керла а, шира а цIенош.

ДIо дIахьаьжча, ураман аьрру агIорхьа, трамвайн некъаца ша къаьсташ гора, кхузза тIекIелйина, сирачу тIулган йоккха лекха гIишло, шех, паччахьан заманчохь дуьйна а, и йайтинчу нохчийн совдегаран цIарах – «Абубакаран цIенош» олуш йолу. И йеххачу заманахь лаьттара кху агIорхьа, йуьртан маьждиг санна, массо а цIеношна тIехула хьоьжуш, шега нийсанаш кхин доцуш, – тIом чекхбаллалц! Амма дукха хан йоццуш, тIай тIера дуьйна дIа, ураман шина а агIорхьа, хьаладахара керла лекха цIенош, хIусамаш, «Абубакаран цIенойн» хIинццалц хилла башхалла йойуш.

Урамна йуьххьехь, «Хьалхарчу поликлиникана» аьрру агIорхьа, дIахIоьттира лекха керла гостиница «Чайка». Цул а дехьа цхьаьний ирхдахара, йух-йуххе тIекIелдина, нах чохь Iен керла даккхий цIенош. Царна пурхнехьа йахйелла, тоххара хьалха «Рынок» олуш хилла йолу, шозза тIекIелйина шира гIишло хIинца хаа а ца лора. Аьтту агIорхьа, пурх боьдучу Партизански урамал а дехьахь, издательствона а тIехваьлча, дийнна могIа боьдура даккхийчу керлачу цIенойн! Корал арахьа маьI-маьIIехь гора цIенош дуттучохь лекха кранаш. Хьуьллахь, гIодайуккъе муш а бихкина, лекхачу цIенойн тхов тIера чу а кхозабелла, пенашна кираш тухуш бохкура белхалой. Секретаран стоьла тIерачу календарах бIаьрг кхетта: «Апрелан 25 де, кхаара, I960 шо… Майна кечлуш бохку-кх»… – дагатесира Нурседина. – «Сихха цIа а йирзина… чекхбаккха беза оха а болийна кечам», – меттахъхьайра и, ша хьиэлуш а хетта. Секретаре дийхира цо:

– Чу а гIой, алахьа цуьнга, со хьоьжуш йу.

– Ша ма хьеве аьлла. Собарде, хьайна лаахь.

Ша гича, мукъна, чукхойкхур йацара-те аьлла, секретаре а ца хоттуш, тIейахана, неI йиллина, чукъедира Нурседа. Секретаро цу сохьта: «Мегар дац!» – хазийра. Важа-м схьа а ца хьаьжира, шен кехаташна чувоьлла.

ХIинца баккъал ша хьиэйаларна сахьийзаш, йуха а шен меттахь тем боцуш Iapa Нурседа. Цхьа кIеззиг хан йаьлча, йуха а хьалагIаьттина, телефон тоха дагахь xIapa секретаран стоьл тIе йолайелча, цIеххьана чуйелира, коьртаIуьйра, дика костюм йуьйхина, кечйелла, IатIаран хьожа а йетталуш, басарша кхин а хазйина TIayc.

– A-а, хьо а йу кхузахь? – куро хаьттира цо. – ХIунда йеана хьо?

– Сайн гIуллакхна йеанера со-м.., – чам боцуш жоп делира Нурседас

– Дика ду-кх, тIаккха! – аьлла, TIayc, секретаре байн корта а таIийна, хецца кабинета чу йахара.

– Мегар дуй? – аьлла, цунна тIаьххье неIаре Нурседа а хIоьттира.

– Жимма собарде! Ца го хьуна! – схьахезира чуьра.

Дог этIаш чухула дIасалелара Нурседа. Дехха цхьаьна чохь а Iийна, Элдаров a, TIayc а, ший дела а къежаш, цхьаьний араделира. Реза йоцуш йистхилира Нурседа:

– Накъост Элдаров! Со хьоьга хьоьжу дукха хан йу. Ас деанарг сиха а, доккха а гIуллакх ду, чIогIа хьан гIo оьшуш… интернатан хьокъехь, – и кхетийта тIетуьйхира цо. – Со тIе ца оьцуш, дIа ма гIохьа!

Кхунах цайашарца, цIоцкъам а саттош, йела а къежна, TIayc парггIат тIехйелира парталчу боларехь, шен хаза горга корта кIеззиг аркъал а тесна. Шен дагахь хIинцца шa оцу чохь кхунна тоьхначу дIаьвшах йоккхайера иза.

Элдаровс, кIеззиг соцунгIа а хилла, кхуьнга ладугIучу куьцехь, цкъа, охьадийшийра шен бIаьргнегIарш, тIаккха шен хан цахилар дагадеъна, йуха дIаволавелира иза, йуххе йогIучу Нурседина шийла жоьпаш а луш:

– Со хIинца мукъа вац. Обкоме кхойкху… тIе, цу гIуллакхна тIаьхьайан хьоьга хIун хIоьттина? Албастов Кериман декхар ма ду иза. Цунна тIе гIyo. Йа цуьнца цхьаьна йухайола кхана, йа лама, – элира цо, «цхьаьна» даша тIехь хаъал аз чIагIдеш. Кхин ца соцуш, иза дIавахара.

Кийра алу туьйхира Нурседина, ша лаьттачохь йуьхь а цIийлуш. И кхийтира шел хьалха чуйаханчу TIayca цхьа эладита дарх а, иза Элдаровс дIалацарх а. Секретаре Iодика а йина, Нурседа цигара сихха Совминан председатель волчу йахара. Иза обкоме вахана а хилла, Нурседа обкоме сихйелира – белхан де чекхдала дисинарг сахьт гергга бен дацара. ГIалахь уггар хазачех долчу, Iаьрбийн архитектурин хотIехь долчу, лекхачу, кIайн-можачу цIеношка кхечира Нурседа чехка.

ЦIеношна хьалха, хаза куц деш, йаьржинера, зезагашца кхелина шуьйра майда. Майдана йуккъехь лаьттара болатах воьттина Ленин. XIapa обкоме чукхаьчча, берриг куьйгалхой, Москвара веанчу ЦК-н векалца цхьа совещани хIинцца чекх а йаьлла, и новкъа ваккха арабевлла карийра. Амма женотделехь цхьана йевзачо элира кхуьнга:

– Кестта йалх-ах даьлча, йоьдучуьнца иза новкъа воккхуш, берриш вокзалехь хир бу, хьуна. Цуьнца вайн хьалхарниг а воьду. Оццу поездаца со а йоьду Ростох. Лаахь, вокзале йола.

– Дика ду, – аттачу дагара тIетайра Нурседа, цIеххьана цхьа аьрха хIума дагадеана.

Поезд схьакхачале кехаташ кечдан а, ша Элдаровс тIеэцарх телефонехула Кериме хаам бан а «Кавказ» гостинице, шен номере йаханчохь мелла а хьиэелла Нурседа хIинца, тIе «такси» а ца карийна, шен буха йисина хан нисса лерина, сов сиха гIаш йогIура вокзале, нийсачу Комсомольски урамехула. Дехьий-сехьий дIакхаччалц дийгIинчу, хIинцца сенделла техкачу диттийн IиндагIехула йогIура и, бIаьстенан хьожанаша мере таме тов а детташ.

Вокзалан майданна чувулучохь, можа басар а хьаькхна, йеттинчу кибарчигийн нартол хьовзийнчу кех йаьлча, перронехь, аьчган кертал дехьа, йоккха пхьоьха гира кхунна. XIapa тIекхаьчча, хьалхарчу платформехь, цIерпоштан вагонан бухарчу лами тIехь, накъосташна вела а къежаш, лаьттара, дIаваха новкъа ваьлла ЦК-pa веанарг. Йуххе хилча, Нурседина вевзира Вильянов! Цунна хьалха, го а бина, дийнна тоба лаьттара: обкоман хьалхарий, шозлагIий секретараш, Совминера Элдаров, культурин министр, цуьнан заместитель Усманов а.

Вагонан тамбур тIера, Нурседега куьг лестош, схьахьоьжура Ростох йоьду обкомере женотделен белхахо а. Нурседа, шена меттиг йоккхуш, тIе а хилла, бIаьрг тIера цо боккхуш хьоьжура Вильяновга. Цунна ца гора xIapа. Нурседина иза хIинца а, тохара санна, цхьана йоккхачу Iалашоне кхача сихвеллачу некъахочух тера хийтира, амма цуьнца хIинца йацара тохарлера, цкъаццIа бIаьргаш чохь гуллу мархаш. Цуьнан цIена бIаьргаш синкъерамечу нуьрах догура. Коьртара кIайн чилланан месаш мохо йайн кегайора.

– Амма, цхьабакъду, – Нурседас схьалецира цо шена гонах лаьттачу обкоман куьйгалхошка аьлле дешнаш, – промышленностан кхиамашка кхочуш бац шун идеологически болх. Иза а айа беза аш!

Нурседа, хьалхахьа теIара, дIакховдо кечйина цхьа конверт а карахь, нах меллаша дIаса а хилош.

– Нурседа, хьо муха кхечи кхуза? – кхуьнан пхьарс а лоцуш, хазахетарца хаьттира Усмановс.

– Цу тоххара вайшимма дийцинчу гIуллакхна… Минфинехь а, Совминехь а дош ца хуьлу, цундела кхуьнга хIара кехат дIадала дагахь йеана-кх со!

Усмановс, и ша къобалдойла хоуьйтуш, къайллах цуьнан пхьарс а Iовдуш, некъ битира цунна.

Кхунах хIинца бIаьрг кхетта Элдаров, кхуьнгахь конверт а йайча, гома схьахьаьжира. Шена уллорчу накъостан лере цхьа шабарш дира цо. Нурседа кхин а хьалха таьIира. ХIара йуххе кхоччушехь, Элдаровца волчу накъосто элира, эсала вела а къежаш :

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28 
Рейтинг@Mail.ru