Кхин а доьхна хьал дара нохчийн халкъана йукъа дешар, Iилма, культура йаржорехь а, къоман могашалла ларйарехь а. Берриг а нохчашна Соьлжа-ГIалахь йиллина цхьа ишкол йара, ткъа хIокху шарахь цигахь доьшуш волчу 97 дешархочух 47 бен нохчо вацара, уьш а таронаш йолчу нохчийн бераш дара. Нохчийн йарташкахь цхьа а больница а, амбулатори а, аптека а, цхьа а лор а, фельдшер а вацара. Цомгашчарна дарба леладора палтосучу а, Iалабоьлхучу а зударша, молланаша жайнашца а.
Лаьттан къелла йара Нохчийчохь. Ламанан Нохчийчоьнан бахархошна шайн ирзошна тIера даьлла йалта доьзалш Iаьнах баха а ца тоьура. Нохчашкара пачхьалкхана налогаш йохура, цхьакIеззиг бахьанаш схьалоций, гIуданаш а дохура. Цара тIеман налог токхура, кхузахь йоцчу больницашна а, лоьрашна а лерина, пурстоп, йуьртан урхаллин канцеляреш, йуьртан урхалла, йуьртда, писарь, талмаж, хазанча кхаба а, хьаькамаш дIасалело харжашна а ахча токхура. Цул совнаха, цара шайн сту-ворданца маьхза белхаш бора некъаш дохкуш, тодеш, тIеман гарнизонашна дечиг латтош, кхин, кхин дуккха а белхаш беш.
Цapax цхьаберш Iедало цхьана хенахь бахархошна тIебехкина, ткъа тIаьхьа царна тIера дIабаьхнарш бара, амма боданечу бахархошна иза ца хаьара. Ткъа кхетамна оцу бахархойл лакхабевлла боцчу цхьаболчу йуьртдайша и текхамаш бойтура, кхечара, и текхамаш бан бахархой декхарийлахь боцийла шайна хуъушехь, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисана дохкура.
Россехь революци йолайелча, цуьнан тулгIе йаьржинера Нохчийчу. Соьлжа-ГIаларчу нефтан промыслашкарчу, заводашкарчу, фабрикашкарчу, цIерпоштанекъан депорчу белхалоша забастовкаш йора хаддаза. Iедале а, хьолахошка а цара лехамаш бора, белхалошна хIусамаш, шайн берашна маьхза деша ишколаш хилийта, шайн векалш реза а боцуш, белхалой балхара дIа ма баха, гIуданаш ма тоха бохуш. Къиза, харцонаш лело инженераш а, мастерш а балхара дIабаха, шайна гуламаш бан а, забастовкаш, стачкаш йан а бакъо ло бохуш.
Iедална дуьхьалонаш йора нохчийн йарташа а. Къаьсттана карзахйевллера лаьттан йоккха къелла а, мацалла а йолу Ведана округера йарташ. Пачхьалкхана налогаш йалар а, дуккха а барамехь текхамаш бар а сацийнера цара. Iедало хIиттийна йуьртдай, къеданаш, молланаш дIа а бохуш, йартийн гуламашкахь уьш шаьш хоржура.
Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш даьржинера Нохчийчохь. Нохчаша уьш вовшашлахь а дора, амма дукхахдерш гIалагIазкхашна дора. И бахьана а лаьцна, гIалагIазкхий герзаца кечбора Iедало. Соьлжа отделан атаманан инарла Суровецкийн дехарца, цигарчу ворхI эзар вахархочун карахь йолчу 2725 пхоьазза йолучу тоьпана тIе 5000 топ а, 1 миллион патарма а белира областан инарла-губернатора Колюбакина. Цул совнаха, Суровецкийн дехарца, цуьнан гIалагIазкхашна гIоьнна 2-гIa Кизлярско-Гребенски гIалагIазкхийн дошлойн полк а йалийра нохчашна а, гIалгIашна а дуьхьал.
ДIадаханчу шарахь Соьлжа-ГIаларчу базарахь нохчашна тIехь йинчу акхараллина дуьхьал, масех эзар стаг а гулвелла, митинг йира гIаларчу белхалоша. Цунна бехкечарна таIзар дар лоьхура цара. Амма бехкенаш, даим а санна, таIзарза бисира. ТIаккха обарго Зеламхас, цигахь вийначу вуьрхIитта нохчочун чIир йоькхуш, Къеди-Юьртан разъезда уллохь пассажирийн цIерпошт а сацийна, базарахь вийна и вуьрхIитта нохчо санна, бехк-гуьнахь а доцу вуьрхIитта оьрси вийра, цIерпошт а талийра.
Нохчийн интеллигенцин цхьаболчу векалша къобалдора нохчаша гIалагIазкхашна талораш дар а, Зеламхас къиза хьаькамаш байар а, цо деш долу талораш а. Овхьад сацам боллуш дуьхьал вара шина а агIорчеран оцу террорашна. Нохчаша а, гIалагIазкхаша а вовшийн байар, царна йукъахь хаддаза мостагIалла латтар Iедало лоьхург а, цунна луург а дара. ГIалагIазкхашна нохчаша дина зулам даим а нохчий оьшуш а, йуккъера мостагIалла марсадолуш а, нохчийн йарташна луьра таIзарш деш а доьрзура. Цундела, Iедалан питане политика Iорайоккхуш, нохчашна а, гIалагIазкхашна а йукъахь кхетаман болх баре а, царна йукъахь барте а, машаре а кхойкхура Овхьад.
Ведана округан начальника Ханжаловс Гати-Юьртана тIейиллина контрибуци йуьззина кхочушъхуьлуш чекх ца йелира. Пачхьалкхан цхьадолу декхарш а, ира герз а дIаделира гатийуьртахоша. КхидIа таIзарх уьш кIелхьарбехира Соьлжа-ГIалахь а, округехь а хIоьттинчу чолхечу, кхерамечу хьоло. Округехь хIоьттинчу хьолана Ханжалов бехке вора бахархоша. Пачхьалкхана церан ницкъ боцу текхамаш бойтуш а, и текхамаш бан ницкъ боцурш, жимма а дуьхьало йинарш набахти кхуьйсуш а, Сибрех бохуьйтуш а, бIарзбина, бахархойн собар кхачийнера Ханжаловс. Овхьада а, цуьнан масех накъосто а вовшахтоьхна, Ханжалов цигара дIаваккхар доьхуш, областан инарла-губернаторе Колюбакине мосазза а телеграмма йахьийтира бахархоша. Амма уьш жоп доцуш йисира. ТIаккха Ведана округера кхо эзар стаг УстаргIардойн-Эвла а гулвина, цига Колюбакин тIекхайкхира цара. Ша а ца вогIуш, шен советник Вертепов ваийтира цо цига. Гуламо шайна тIера векал вина къастийнчу Овхьада, ша инарла-губернаторца бен къамел дийр дац аьлла, дIахьажийра Вертепов.
Колюбакина ша оцу туземцийн ардангана тIегIур вац аьлча, Вертеповс цуьнга аьлларг тIаьхьа хиира Овхьадана.
– Хьан локхалла, цига гулйелларг туземцийн арданг йацара. Цигахь дIахIоьттинарг, лаккхара низам а долуш, герзаца кечвелла кхо эзар бIаьхо а волуш, тIеман лагерь йара. Нагахь санна ахь, царна тIе а вахана, Ханжалов оцу округера дIа ца ваккхахь, гIуллакх вайна бохаме доьрзур ду. ТIехула тIе, гуламо векал а вина, соьца къамел динарг, вайшинна санна, цIена оьрсийн мотт а хууш, политика а йевзаш, говза дипломат вара.
Цхьа бутт баьлча, изза кхо эзар стаг йуха а УстаргIардойн-Эвла гулвелча, цига ван дийзира Колюбакинан. Вертеповс дийцина сурт хIоьттира цунна хьалха. Баккъалла а тIеман лагерх тера бара и гулам. ГIapa-гIовгIа а йацара. Гуламо къастийнчу Овхьада доцца дийцира Ханжаловс Ведана округехь хIоттийна хьал, цо лелийна харцонаш а, округера йарташ карзахйовлар цуьнан къизаллин тIаьхье хилар а. ТIаьххьара а элира, нагахь санна Ханжалов цигара дIа ца ваккхахь, гIуллакх цIий Iанорца доьрзур ду аьлла.
Ханжалов цигара дIа а ваьккхина, цуьнан метта полковник Галаев хIоттийра. Иза ларамаза а дацара. Нохчийчохь мекара, питане политика дIахьора Iедало. Нохчий бехачу округийн коьрте Кавказерчу къаьмнех нах хIиттабора. Иза шина Iалашонца дара. Ханжаловл хьалха Ведана округан начальник вара подполковник Добровольский. Хьекъална аьрта, сутара, куьйгаш боьха тIеман чиновник. Иза округана тIехь куьйгалла дарца ца ларийча, дIа а ваьккхина, дегIастанхо Ханжалов округан начальник а хIоттийна, Добровольский цуьнан гIоьнча витира. Добровольскийца мостагIалла долчу Зеламхас иза дукха хан йалале вийра. Iедалах ларбелчахьана, оьрси вер кхераме дацара нохчашна. Амма ламанхойх вийна стаг, Iедалах ларвелча а, кIелхьара ца волура. Цара шайн вийначу стеган чIир йоькхура, мацца йоькхий а. ЧIирах, мостагIаллех кхоьруш делахь а йа иза шайн лулахо, дегIастанхо, шаьш санна, бусалба хиларна делахь а, оццул къиза Ханжалов ца вуьйш витира нохчаша. ШолгIа: Нохчийчохь шен тIеман-колониальни къиза урхалла нохчийн луларчу къаьмнех болчу нехан куьйгашца латтадора Iедало. Ткъа оцу къизачу администраторшка нохчийн цабезам, цатешам, мостагIалла церан къаьмнашна тIе а даьржара. Оццу Iалашонца Ханжаловн меттана округан начальник хIоттийнера хIири Галаев.
УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламан декъашхошa дог-ойла гIаттийнера Овхьадан. Оцу гуламо Iедалера цхьамогIа политически бакъонаш а йаьхнера нохчашна. ХIетталц йуьртдай а, къеданаш а, молланаш а, йартийн урхаллийн къаной а Iедало хIиттабора. Гуламо инарла-губернаторера бакъо йаьккхира уьш йарташка шайгга харжийта. Герз а ца хьедеш, цIий а цa Iанош, иштта машаречу, политикин а, демократин а некъашца халкъана маршо йухаерзайаларе дог дохура Овхьада.
ХIокху муьрехь дIатетта йиш йоцуш цхьа гIуллакх а нисделлера Овхьадана. Россехь революци йолаелча, помещикийн бахамаш баго а, тало а болийра ахархоша. Уьш ахархойх ларбан, ламанхойх йолахой вовшахтухуш дара Iедал. Йолахочунна шарахь 460 сом йал а, говр а, духар а лора. Цул совнаха, доггаха гIуллакхдеш гоьваьллачунна мидал йала а, Iедалан балха дIанисван а тIелацам а бора. Оцу гIуллакхна Нохчийчу веанера цхьа хIуьнехдина полковник Загоскин. Нохчех ши бIe йолахо карийнера цунна. Царна ахча а, духар а дIаделлера цо, ткъа говраш цига дIакхаьчча лур йу а, аьллера. Доцца аьлча, ши бIe нохчо резахиллера йолахо хила. БIешерийн дохаллехь шаьш лоллехь латточу помещикашна дуьхьал шайн маршонехьa, бакъонашкахьа гIевттинчу оьрсийн ахархошна тIехь чаьлтачийн декхар кхочушдан. ХIуъа дина а, нохчий цига ца бохуьйтуш, совцо безара. Вуьшта а сийсазе дукха цIерш техкина нохчашна. Царна тIе йолахой, чаьлтачаш боху эхье цIе йоккхуьйтийла дацара. Уьш ца бигийта, гIалара белхалой гIовтто безара. Теркан областерчу кегийчу къаьмнашна тIера Пачхьалкхан Думехь депутат ву Эльдарханов Таьштамар. Цунах а, кхечу накъостех а дагавала а везара иза.
2
Керлачу законаца йуьртан урхалла харжа веана пурстоп Хамов йуьртден СаьIадан хIусамехь хьевеллера. Амма майдана гулбеллачу нехан хIумма а са ца гатлора. Сарралц кхузахь Iийча а, кхачалур доцуш, дийца дуккха а керланаш дара церан. Барт бича санна, хIора тобано, декъна, цхьацца дуьйцура.
Цхьанхьа лаьттачара дуьйцура обарго Зеламхас шен мостагI, хьалха округан начальник хилла Добровольский а, цуьнца хилла эпсар есаул Нецветаевский а верах лаьцна.
Кхечухьа – оьрсийн-японски тIамера нохчийн дошлойн бIо цIа берзарх лаьцна. Оцу тIаме ваханчу кхаа гатийуьртахочух цхьаъ бен цIа ца веанера. Иза Солтханан Солта вара. Мацах цкъа оьрсийн-туркойн тIаме вахана шен да санна, хIокху тIамехь шен аьрру пхьарс а битина веанера Солта. Бакъду, тIамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна, Солтина, мидалан меттана, жIар йеллера. Амма цо иза цкъа а некха тIе ца уллура. Керстанаша шайн Делан метта лоруш ма йу иза.
Кавказерчу къаьмнех вовшахтоьхначу дошлойн бригадерчу ламанхойн сихха дог делира империалистийн шина пачхьалкхо шайн олаллин классийн хьашт-дезарийн дуьхьа бечу оцу харцонан тIaмах. Уьш йолах салт бовлуш цаьрга аьллера, Японис вайн йукъарчу даймахкаца тIом болийна, вайн йукъара даймохк ларбар Россехь дехачу массо а къоман сийлахь декхар ду. Aмма, цига дIакхаьчча, царна хиира, и тIом вовшахлетачу шина а пачхьалкхан бехкенна болабеллийла а, цара шайн къинхьегаман халкъийн хьашташ ца лоьхийла а. Уьш кхитIе а карзахбохура салтий эрна хIаллакбечу инарлийн сонталло. ДIадаханчу шеран октябрехь Манчжурехь, Лапузо йуьртана уллохь, нохчийн а, гIебартойн а шина бIоно сацам боллуш дуьхьало йира фронтах хьалхарчу позице баха. Цара командованига дIахьедира, шайна хIара тIом оьшуш а бац, шаьш кхуза Iехийна далийна, шаьш даймахка цIа дерзаде аьлла. Шайн лехамаш командованис кхочуш ца бича, герзашца цхьаьна даймахка цIа берза новкъа белира и ши бIо. Амма царна тIаьхьадаьккхинчу гIалагIазкхийн дошлойн эскаро, тIаьхьа а кхиъна, гуo а бина, герз дIа а даьккхина, йухабалийра. Дукха хан йалале ханна йолчу тIеман-аренан суьдо Мукденехь кхел йира «бунтана» бехкечарна. Шина бIон командирашна – нохчочунна Тасмахилов Пашиний, гIебарточунна Керифов Зелам-Гериний – вен кхел йира. Шовзткъе йалх нохчочунний, ткъе шина гIебарточунний Сибрехь каторгехь йаха итт шарера берхIитта шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Уггар хьалха кхойттаннах шина бIаьхочун – Гати-Юьртарчу Аьрзун Мохьмадан а, Аьрсамирзин Эламирзин а – суд хилале вада аьтто баьллера.
Тасмахилов Пашина вен йина кхел, тIамехь цо гайтина майралла а, даккхий хьуьнарш а тидаме а эцна, дошлойн бригадан командиран эла Орбелианин а, инарла-адъютантан Мищенкон а дехарца, фронтах командующис – инарла-адъютанта Куропаткина – каторжни белхан итт шарца хийцира2.
Шайн кIезиг махкахой Генарчу Малхбалехь империалистийн тIамна дуьхьал гIовттар сихха хиира Нохчийчохь. TIaмo жимайинчу Терско-Кубански дошлойн полкана керла йолахой вовшахтоха гIертарх гIуллакх ца хилира Iедалан. Хьалха тIаме баханчарна шарна 240 сом деллера, ткъа хIинца 480 сом лора, амма Нохчийчохь Iедална керла йолахой ца карийра. Шайн махкахошна йинчу къизачу кхело карзахбаьхначу ламанхошна йукъахь бунт эккхарна кхеравеллачу Кавказан наместникан дехарца Терско-Кубански дошлойн полк, фронтера цIа а йалийна, дIасахецнера.
Цхьана тобанехь дуьйцура, Россехь стражникийн декхарш кхочушдан йолахой лаха Нохчийчу цхьа полковник веана, цига воьдучунна шортта ахча а, говр а, тIедуха-когадуха а ло, Мудар а, Расу а цига ваха резахилла бохуш.
ТIаьххьара а дуьйцу керланиг дара Кавказан сардал Воронцо-Дашков Соьлжа-ГIала вар. Нохчаша, гIалгIаша, хIираша, гIебартоша цуьнга мосазза а кехаташ йаздина хиллера, шайн латта кIезиг ду, гIалагIазкхийн а, хьоладайн а долахь шортта мохк бу, цунах цхьажимма мукъана а шайна латта лахьара, налогаш а лахйахьара, ца дoгIy гIуданаш а ма деттийтахьара, шайн къаьмнийн гIиллакхаш а, амалш а тидаме а оьцуш, паччахьан Iедал тIедале шайн ма-хиллара, йуьртан урхалла мукъана а шайгга харжийтахьара, шайгара Iазап жимма мукъана а дайдахьара бохуш.
Нахана моьттура, ша Соьлжа-ГIала веача, йарташкара лоруш болу нах шена тIе а бехна, царах дагавуьйлуш, сардала нохчашкара хьал толлур ду. Иза аьттехьа а ца хиллера. Гатийуьртахоша къастийна Овхьад, Iела, Ахьмад, Солта а витина, СаьIад, Хьуьси, Iабди, Инарла а вигира цига Галаевс. Уьш цигара цIа баьхкича, хиира нахана, нохчийн дехарна жоп луш, йартийн урхалла харжа сардала бакъо йалар. И бакъо-м УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламехь областан начальнико хьалххе ма йеллера царна. Ткъа латта далар а, налогаш лахйар а, гIуданаш дIадахар а, кхидерш а хьеха а ца дайтинера сардала.
Шеца кхо салти а валош, гатийуьртахошка йуьртда а, йуьртан урхалла а харжийта, кхуза веанера пурстоп Хамов.
Баккхийчу нехан тобанца волу Аьрсамирза, церан къамелашка ла а доьгIуш, вист ца хуьлуш хиъна Iара. Цуьнан дог ца догIура оцу эладитанашка ладегIа. КIантах хилларг цахааро боккха сингаттам бинера цуьнан дагна. ТIамехь вийнехь а, дог диллина Iийр вара иза. Накъостий санна, хан тоьхна, Сибрех вахийтинехь а, шен хан а текхна, цIa вогIур вара иза-м бохуш, Iийр вара. Ткъа хилларг цахаар тIех сингаттаме дара. И сингаттам гуттар а алсамбаьккхинера даим дIа йоьлхучу йоккхачу стага. ВаллахI, Аьрсамирзас дукха ма бехира кIанте, ма гIохьа цига, хьуна лучу ахчанах вай хьал долуш а хир дац, хьо цигахула дIа а вахийтина, хьуна тIаьхьа сагатдечул, тхойшинна мацалла далар гIоли йу. Шен сацамна тIера ца велира иза. Шен ден амалш йара цуьнан а. ЦIий сиха, ша аьллачунна тIера йуха ца волуш. Йалх баттана шена йолана делла шийтта туьма хIокху шинна цIахь а дитина, вахна. Оцу ахчанах кхаа шаре йахана ши старгIа ийцира Аьрсамирзас. ХIинца ворданна, готанна божа а мегаш, къона ши сту хилла царах. Амма мел безчу мехах нисбелла цунна и шиъ къанвеллачу хенахь. Ткъа Солтханан Солта цигахь цхьа пхьарс а битина цIа веана. Ший пхьарс йа ший ност йоцуш а, цIа веана велара цуьнан Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а.
Шен дагна цхьана хIуманах маслаIат дан гIертара Аьрсамирза. Цуьнан кIант осала ца хилла. Берриг а инарлаш реза болуш, майра а, доьналле а хилла. TIaмexь даккхий хьуьнарш а гайтина цо. Шайна тIаьхьа даьккхинчу эскаран гонна йукъара вада карах а даьлла. КIант-м, хьаха, ву Аьрсамирзин хила ма-веззара. Iожаллин де тIекхаьчча, цунах кIелхьара ца волу цIахь а, арахь а. TIорказ чу дIалачкъийча а. Дала йаздиннарг хир ду. Аьрсамирзас ша-м, собаре хилла, сатухур дара. Ткъа оцу йоккхачу стагана хIун дийр ду, ца хаьа-кх цунна…
3
Аьрсамирза шен ойланех йукъахваьккхира цIеххьана майданахь хIоьттинчу тийналло. Эххар а кхуза схьавеана пурстоп къамел дан вуьйлира.
– Тахана шуьца цхьаьна, керлачу законна тIе а доьгIна, йуьртан урхалла хоржур йу вай, – волавелира иза йишхаьллачу озаца. – Амма харжамаш бале хьалха нохчаша шега йаздинчу дехарна Кавказан наместнико, цуьнан локхалло Воронцов-Дашковс делла жоьпаш довзуьйтур ду ас шуна. Лаьттан гIуллакх къасто леррина комисси вовшахтухур йу, аьлла цо. Налогаш лахйаран гIуллакх пачхьалкхан хьашташка хьаьжжина хир ду. Бехкбаьллачунна таIзарна законехь догIу гIуда ца тоьхча а дер дац. ГIалагIазкхашна санна, шайна а герз лело бакъо ло, йа нохчашна санна, царна а герз лелор дехка, боху аш. Нохчашна герз лело ца хаьа. Герз долчу нохчочо, тухий, стаг вуьй, йа къоланаш, талораш дан араволу. ГIалагIазкхий паччахьан гIортор йу, иза а, цуьнан Iедал а чоьхьарчу, арахьарчу мостагIех лардеш. Кхузарчу гIалагIазкхашкахь герз дуьту, шун зуламех кхузара Iедал а, оьрсийн бахархой а ларбан, кху областехь машар, синтем латто. Керлачу законаца шуна бакъо йелла йуьртда, писар, къеда, молла, йуьртан урхалле къаной харжа. Аш хаьржинчу оцу урхаллин бертаза йуьртан гуламаш бар а доьхку шуна керлачу законо. Нагахь санна йуьртан гулам оьшуш хьал хIоттахь, цара кхойкхур бу иза. Аш йуьртда а, писар а харжа билгалвина ши стаг оцу дарже харжале округан начальнико къобалвина а, хаьржинчул тIаьхьа цо чIагIвина а хила веза. Ткъа къаной, къеда, молла харжар дерриг а шун лаамехь дуьту. Муха нах хила беза йуьртда, писар, урхалле хоржурш а? Хьекъале, собаре, догцIена, шуна йукъахь нийсо йийр йолу нах хила беза…
– ХIинццалц аш хIитториш барий ткъа ишта? – мохь туьйхира цхьаммо.
– Ткъа аш билгалбинчу нахана йукъахь цхьа а иштта стаг вац. Масала, аш йуьртда харжа билгалвина Акхбулатов Ахьмад. ДIадаханчу Iай цо кхерамаш тийсина массара а лоруш волу молла Хьуьса а, совдегар Iабди а вен. Писар мега ткъа йуьртара нах Iедална дуьхьал карзахбохуш, мотт-эладита лелош волу Солтханов Солта?
ТIехьарчу могIаршкахь хIоьттина лаьтта Солта, шен цхьана куьйга нах дIаса а тоьттуш, хьалха гIоьртира. Амма шена тIенисвелча, БIаьштага сацийра иза.
– Собар, Солта, дийцина валийта иза.
– Урхалле харжа билгалбина аш Султахаджиев Доша а, Абакархаджиев Аьрсамирза а, – пурстоп цавашаре велавелира. – ХIара-м беламе дай! Доша къу ву, схьалаца маьIиг цахиларна, оха Сибрех ца вохуьйтуш вуьтуш. Аьрсамирза? Даим Iедална дуьхьал хилла схьавогIуш ву. КIанта Эламирзас а цуьнгара масал эцна. Фронтехь нохчийн дошлойн бIо паччахьана дуьхьал гIаттийнчу коьртачу бунтарех цхьаъ хилла иза. Суьдах, ведда, кIелхьарваьлла и кIилло, нагахь санна салтийн тоьпо ца вийнехь, йа, схьалаьцна, каторге ца вахийтинехь, цхьанхьа даккхийчу некъашкахь талораш деш лелаш хир ву. Тхо дуьхьал дац аш МаIазов Лорса йуьртан молла а, къеда а харжарна. Амма кхузахь кхин цхьаъ ду. Кестта БуритIахь болх бан йолалур йолуш динадайн комисси йу. Оцу комиссис толлур ду xIоpa йуьртан къедин хаарш а, паччахьна муьтIахьалла а. Цигахь зийна, чекхваьлларг бен, йуьртан къеда хила йиш йац. Хьуьса а, Лорса а цига вахийта. Комиссис къастийнарг хир ву шун къеда. Ткъа кхожа йукъабахийта йуьртда, писар, къаной кхин нах гайта. Iабди, къамел гочдай, хаттарш дуй, ала.
Хамовс иттех минотехь дина къамел гочдеш, цхьа сахьт гергга хан йайъира Iабдис. Шеггара тIедетташ, стамдеш, дестош. Дийцира шаьш Соьлжа-ГIала дIакхачар а, сардална хьалха гулдалар а, цо дина къамел а, цуьнан йуьхь-сибат а, шена гинарш а, хезнарш а.
– Доцца дийца, – кIоршаме йукъахваьккхира иза Хамовс. – Со дIавахча, йеттар ахь и хьайн бага. Кхожа йукъабахийта кхин нах билгалбаха, ала цаьрга.
– Аш къастийнчу нехан кара йуьртан Iедал дала реза бац лакхара хьаькамаш. Кхин нах къастабе, боху пурстопа.
– И тхаьш билгалбаьхнарш хоржур бу оха йа цхьа а ца хоржуш Iийр ду тхо! – хадам бира БIаьштага.
– Аш пурба делча, цхьа масех дош эр дара ас, – хьалха гIоьртира Домбин Мудар. – Вайна стенна оьшу Iедалан бертаза йуьртан урхалле кхин нах харжар? Цул хьалхалеранаш Iадда битича? Хьаькамашца гIуллакх а догIуш, йуьртана тIедеанарг дIалиста доьналла а долуш стаг ву СаьIад…
– Ву, хьан дена неIалт хуьлда!
– ДIайала, пис!
– Собар, нах! – мохь туьйхира БIаьштага. – Шен ала дерг алийта цуьнга.
Нехан гIовгIанаш йевлча кхеравелла, йуьстах жима тоба йина лаьттачу ИнарлагIаьрга дIахьаьжира Мудар. Инарлас корта таIийра цуьнга.
– Доцца аьлча, СаьIад йуьртда а, Iабди писар а харжа веза вай, – шен къамел чекхдаккха сихвелира иза. – Ткъа оцу йуьртан урхалле харжа Хьуьсел, Панта-Хьаьжел, Инарлел бегIийла нах бац кху йуьртахь.
– Къаьркъанан кедах дохкаделла хьо, зуд!
– Талу хилла, мерах туьйсийла хьуна иза!
Хамовс мосазза а мохь туьйхира, нехан гIовгIанаш совцо гIерташ. Амма дуьххьара кхайкха гIертачу нIаьна-кIорничух тера цуьнан йишхаьлла аз тIепаза довра нехан оьгIазечу маьхьаршлахь.
– ГIовгIанаш совцае, нах! – гонна йуккъе а ваьлла, ши куьг хьалалецира Дошас. – Уьшалахь пхьидаша санна, аш маьхьарий хьекхарх, хIyммa а нислур ма дац кхузахь. Цхьаммо къамел деш, вукхара ладогIа. Шу ма гIиллакхах доьхна!
– Стенна хьоькху аш и маьхьарий? – гIовгIанаш дIатийна йукъ схьа а лаьцна, нахана тIекъевкъира Хамов. – Варраша санна, аш xIapa маьхьарий хьекхахь, со-м баттахь а вер вац кхузахь харжамаш бина!
ТIаьхь-тIаьхьа чуьравуьйлуш, йаппарш йан воьлла пурстоп сацийра эххар а цунна хьалха хIоьттинчу Солтас.
– Вир хьо ду-кх, пурстоп! Гирзе вир! Хьо кхузахь, къаьркъа а муьйлуш, сакъоьруш Iачу хенахь ас тIом бина. XIapa сан пхьарс мичахь баьккхина, ца хууш ду хьо, хьаьрса зуд?
Солтин дешнаш салташна хезна хиларна кхеравелла Хамов цаьргахьа дIахьаьжира. Цхьадика, гулбеллачу нахана йуьстахо кертах а тевжина, вовшашка лохха къамелаш деш лаьттара уьш кхоъ.
– Хьо ву xIapa иллехь вуьйцу турпал! – кIоршаме вела а къежаш, когашкара хьала коьрте кхаччалц бIаьрг туьйхира цуьнга Хамовс. – Хьо Георгин жаIаран кавалер хилча, айхьа Iедалан векална йаппарш йан мегар ду, моьтту хьуна? Хьо стенан дуьхьа ваханера тIаме? Россин дуьхьа ваханера, ала гIерта хьо? Хьайна ахча делча, йолахо хилла, ваханера-кх! Мичахь бу хьан доттагIий Аьрсамирзоев а, Аьрзуев а? Царна тIаьххье Нерчинске хьо дIавахийта дош ло ас хьуна. Ас кхечухьа дийр ду хьоьца къамел!
ТIаккха шен оьгIазвахар Iабдина тIедерзийра цо.
– Хьо хIунда лаьтта, и виран лергаш дуьйлина, ладоьгIуш? Кхин нах буй йуьртан урхалле харжа?
– Шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан цIерш йаха! – нахе мохь туьйхира Iабдис.
– Мудара цIерш йаьхначарна реза ду тхо! – вистхилира Инарлин шича ЧIонакъа.
– СаьIад йуьртда харжа! Iабди – цуьнан писар!
– Хьуьса, Панта-Хьаьжа, Инарла къаной харжа!
– Шайн ворхIе дена неIалт хуьлда шун а, церан а!
– Седа дуьхьал баха хоржийла уьш!
Вой даьлча санна, гIовгIа йелира майданахь. Дехьа йуккъехь вовшашна тIетта гIертара Доша а, ЧIонакъа а. Шеко йоцуш, цIий Iанорца чекхдердолу дов сацийра гонна йукъаваьллачу Овхьада.
– Нах! – мохь туьйхира цо паргIатчу озаца. – Вайн дайн оьзда гIиллакхаш дицдина аш. Собарх доьхна шу. Вовшийн сийсаздеш, оьзда йоцу Iиттарш йо аш. Кхузахь аш маьхьарий хьекхарх, вовшашна хьокхий деттарх, шаьлтанаш Iиттapx кхин а галдалар бен, нислур дац йуьртан гIуллакх. Кхуза гулбелла нах шина декъе, шина тобане бекъабелла. Шина а тобано цIерш йаьхна шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан. Уьш, пхиппа, итт стаг ву. Уьш берриг а кхожа йукъа а бахийтий, кхаж тасийша. Кхаж алсамбаьлла пхиъ чекхвер ву, важа пхиъ йукъара дIавер ву. Вовшашна весаш йан а ца оьшуш, атта гIуллакх ма ду иза. КхидIа и маьхьарий ма хьекхалаш. Собаре хила, къонахий хила, и виъ оьрси вайх ма кхардаве.
ТIаккха Хамовна тIевирзира Овхьад:
– Господин пурстоп, хIокху майданахь лаьтта йоза-дешар а, оьрсийн мотт а ца хуу адамаш айхьа дуьйцучух ца кхетийла хууш, майраваьлла, царна оьзда йоцу йаппарш йеш къамел до ахь. Хьо мухха велахь а, оьрсийн эпсаран цIе лелош, паччахьан векал ма ву хьо кхузахь. Оьрсийн эпсаран, паччахьан сий лардан декхар ма ду хьан, муьлххачу хьоле, муьлххачу йукъаралле нисвелча а…
– Хьо волу меттиг а ца хоуьйтуш, тийна-таьIна Iийча гIоли йу хьуна, каторжник!
Овхьад велавелира:
– Со каторжник хилар а, каторжник муха хилла а цхьанна а къайле йац, господин пурстоп. Сайн къоман маршонехьа, адамийн бакъонашкахьа ас къийсарна хиллера сох каторжник. Амма хьо мила хилла а, мила ву а, кхуза муха кхаьчна а, ма хаьа суна. Эскарехь гIуллакхдеш волуш, хьо да волу бахам кехатех а ловзийна, айхьа дIабаккхийтича, жимачу бераца зуда дIакъаьстина хьох. ТIаккха хьо маларехьа вирзира. Уьш а, кхин а тидаме а эцна, эпсарийн суьдан кхелаца эскарера дIакхоьссина хьо, оьздачу нехан йукъараллехь цхьанххьа а тIе а ца лаьцна, хьайн дехарца кхуза веана. Кхузахь, Нохчийчохь, хьекъална аьрта, оьздангаллех боьхна, къуй, малархой, кехатех ловзурш, кхин зуламхой а хьаькамаш мега дела. ХIинца ваьшшиннах лаьцна къамел дуьтур вайша. Йерриг Россехь а, Нохчийчохь а, хIокху округехь а хIоьттина чолхе, карзахе, кхераме хьал хьуна хууш хир ду аьлла, хета суна. Ткъа хIара йурт карзахйаьккхинарш хьо а, кхузара хьан бартахой а бу. КхидIа а аш xIapa питанаш леладахь, кхузахь цIий Iанарна кхерам бу. Цундела ас маслаIате некъ хьоьху хьуна. ХIокху гуламера нах шина тобане бекъабелла. Шина а тобано пхиппа стаг гайтина йуьртан урхалле харжа. Уьш итт стаг кхожа йукъавахийта, кхаж алсам баьлларш йуьртда, писар, къаной хир бу.
Хамовс иза аьттехьа а ца дитира:
– Округан начальнико къобалбинарш бен хоржур бац йуьртан урхалле. КхидIа хабарш дийца а ца оьшу!
– Йуьртан урхалле хоржурш, округан начальнико къобалбинарш бен хила йиш йац аьлла, дац законехь.
– Кхузахь законаш оха xIиттийнa ду!
– Дика ду хIета. ТIаьхьалонах жоп айхьа лур ахь.
Овхьад гонна йукъара дIаваьлча, Iабдица лохха къамел долийра Хамовс.
– Оцу хьан вашас, каторжнико, бохург дича, шуьнаш чекхбевр буй?
– Дог дохийла а йац…
– ХIета шаьш кегийна худар шаьш даа деза аш! Шайчаьрца барт а бай, нах балха баханчу хенахь, цIеххьана кхайкхалаш гулам, бехирий шуьга? ТIаккха кхузахь дукхахберш шуьнаш хир бара, тодакхаш!
– ХIинца xIapa харжамаш тIаьхьалонга дIататта ца мега?
– ХIун аьлла?
– Суна карор ду бахьана…
– ДIалалла хIета!
Iабди нахана тIевирзира:
– ХIай, нах, хIай! – мохь туьйхира цо. – Кхузахь девнаш деш, вовшашна чуьчча гIерташ, харжамаш бар аш дохийна, боху пурстопа. Цундела хIара харжамаш тIаьхьалонга дIатотту вай. Харжамаш хинболу де, оха билгал а дина, шуьга дIакхайкхор ду. ТIаккха ша схьавогIyp ву, боху пурстопа. Цул совнаха, хIара галдаьккхинарш муьлш бу а хаьа шена, царна Iедалехь догIу таIзар дийр ду ша а, боху. XIинцa шайн-шайн цIа дерза!
– Iабди бакълуь! Мудар! Хьайн накъосташца цIехьа йахийта ахьа!
– Хьуьса! Панта-Хьаьжа! Йухаверза ший а! И нах а совцабе!
– Харжамаш бар хир дац тахана, БIаьштаг, – соцунгIа а хилла, вистхилира Панта-Хьаьжа. – Барт боьхна вайн. Цундела хIокху йуьртара ийман-беркат дIадедда. Пурстопа бохург дичахьана довлу вай. Инарла! ЧIонакъа, дIадуьло!
СаьIадгIеран тобанах ах бIе гергга стаг майданара дIавахара.
– Вай хIун де, Овхьад? – хаьттира БIаьштага. – Вай а цIа доьлху йа харжамаш бо?
– Вай вешан йуьртан урхалла хоржур йу-кх. И ткъех стаг дIавахарх, вайн галдала хIумма а дац. Хьайна гIo дан а, кхаж тасарна тIехь тергам латто а кхо-виъ стаг а къаставай, кхаж тасарна кечам бехьа, БIаьштаг. Аш и кечам бешшехь, ас нахе цхьа масех дош а эр дара.
– ЛадогIал, нах! Овхьаде ладогIал!
КIез-кIезиг туьйш, дIатийра нехан гIовгIанаш.
4
Шен салташца пурстоп а, шайга кхардаме хьоьжу и масех хьолахо а, церан бартахой а майданара дIабахча, цхьа боккха, беза мохь гира охьатесча санна, паргIатбевлла, садаьIира кхузахь бисинчу наха.
– БIаьштаггIара кхажтасарна кечам бешшехь, шуьга цхьа масех дош ала лаьара суна, – даим санна, парггIат къамел долийра Овхьада. – Нохчийн yггap тоьллачуьра ах мохк гIалагIазкхашна дIабелла оьрсийн паччахьо. Цул совнаха, Нохчийчоь дIалоцучу хенахь вайн халкъана йамарт а, ткъа шена тешаме а хиллачу вайнахах бевллачу цхьацца эпсаршна а, совдегаршна а, динадайшна а совгIатана латта дийкъира оьрсийн паччахьо. ХIокху Нохчмахкарчу итт йуьртан доллучул латта ду царах хIораннан а долахь. Нохчийн хьолахошна делла латта-м хIумма а доцург ду, паччахьо вайн луларчу къаьмнех схьабевллачу элашна деллачу лаьттаца дуьстича. Оцу иттех элана паччахьо делла нохчийн латта Нохчмахкарчу бахархойн долахь долчул маситтаза алсам ду. И вешан дайн латтанаш гIалагIазкхашкара а, элашкара а, вешан хьоладайшкара а, безза мах а луш, цхьана ханна цаьргара оьцуш йа йукъахь леладо вайнаха. ХIетте а, цигара лелхийна, цIа хьовсийна нохчий. Иштта, эккхийна, цIа ваийтина, Iаьрчхехь лаьттах тоьла а йаьккхина, хан токхуш волу къена Мусха гина шуна. Iедало а, оцу хьолахоша а дакъазабаьхначу эзарнаш нохчех цхьаъ ву и Мусха.
– Дала бекхам оьцийла цуьнан бохаман бехкечарех!
– Амин!
– И нохчийн эпсарш а, совдегарш а, гIебартойн, гIyмкийн элий а, гIалагIазкхийн хьоладай а, вайн дайн хилла латтанаш йолах а, йукъахь а вайга леладойтуш, цхьана ханна вайна мехах духкуш, шаьш балхах куьг дIа а ца тухуш, хьолана букъабелла, хьоло хьерабаьхна бехаш бу. Вайн хьацар, вайн цIий ду цара Iуьйдург. Ишттачу нахах помещикаш олу Россехь. И помещикаш нохчашна йукъа баьржина шовзткъа шо бен дац, хIетте а цаьрца машар ца хуьлуш, церан лолла ца лалуш, цаьрца къийсам латтош ду вай. Ткъа и помещикаш цIе йолу нах оьрсашлахь болу эзар шо сов хан йу. Россера дерриг латта оцу помещикийн долахь ду, ткъа халкъан долахь цхьа коржам а латта дац. Iедал а помещикийн карахь ду. Халкъ царна деца, церан лоллехь ду, халкъан цхьа а тайпа бакъо йац. Цаьргара латта схьадаккха гIерташ, шайна адамийн бакъонаш лоьхуш, нийсо лоьхуш, бIешерийн дохалла царна дуьхьал къий-сам латтош бу шу санна болу оьрсийн ахархой. Церан xIоpa керла гIаттам цIела карчийна Iедало. Уьш набахтехь бахкош, Сибрехь хIаллакбеш болу эзар шо сов хан йу. Оьрсийн белхалой а, ахархой а хIинца а гIевттина паччахьан Iедална, помещикашна, хьоладайшна дуьхьал. Тахана сийна цIе кхерста йерриг а Россехь. Ахархоша бекхам оьцу шаьш лоллехь латточу помещикех. Церан латтанаш шайн дола доху, церан бахамаш багабо, гуттар а къиза помещикаш бойу. Паччахьан Iедалан ницкъ ца тоьу и помещикаш ахархойн бекхамах ларбан. XIоpa йуьртахь латто эскарш дац цуьнан. ТIехула тIе, салташна ца лаьа ахархошна герзаца дуьхьало йан. И салтий шаьш а бу селханлера ахархой, царна ца лаьа шайн дайшна, вежаршна, наношна, йижаршна йетта. Оцу ахархойн бекхамах и помещикаш ларбан йолахой, йа нийсса аьлча, чаьлтачийн декхар кхочушдан нах беза Iедална. Мила гIyp ву цига, шен лаамехь чаьлтачан декхар кхочушдан?
– Адамаллин цхьа а чо шен дегIаца болу стаг гIyp вац!
– Кхузахь ваьшна таIзарш деш лела салтий бIаьрга ган ца беза вайна а!
– Салтий-м шайн лаамехь а ца баьхкина кхуза, нуьцкъах балийна!
– ХIетте а безам бац вайн цаьрга!
– И адамаллин цхьа чо шайн дегIаца боцу, ахчанах бехк боцчу оьрсийн ахархойн цIий Iено резахилла нах карийна ламанхошна йукъахь. Нохчашна йукъахь. Ткъа вайн йуьртахь Домбин Мудар а, Дасин Расу а карийна!
– Мудара къаьркъанан кедах шен да а вуьйр ву!
– Дасин Расу а йу-кх изза пис, тIуьйлиг а!
– Дала дийна цIа ма верзавойла цига вахнарг!
– Йуьртана а, махкана а эхь ду иза!