bannerbannerbanner
полная версияДарц

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Дарц

Полная версия

Инженераш кхуза кхаьчча, аравелира некъийн подрядчик Илев.

– Марша догIийла шу, хьомсара хьеший! Чудуьйла! Кхихкина, йовхха самовар йу. Керла бепиг, печенеш йу. Цхьацца чарка къаьркъа а карор ду. Ас хьошалла лелор ду шуна.

– Баркалла хьуна, – массарна тIера дош элира комиссин куьйгалхочо инженера Орловскийс. – Тхо сихо ду. Сарале Соьлжа-ГIала кхача деза.

ХIорш цигаьркаш уьйзуш, вовшашца къамеле бевлча, вахмистр Магомаевна тIевахара Илев.

– Хезий хьуна, кунак? КхидIа кхераме бу некъ. Стомара дуьйна ца девза адамаш гучудевлла кхузахь. Зеламхин гIера йу бохуш а, дуьйцу. Дозораш бахийта некъ талла хьалха.

Вахмистра, шайн маттахь шина суьйличуьнга масех дош а аьлла, салтийн говрашкахь хьалха дIахьажийра и шиъ.

– Стенга воьду и шиъ? – хаьттира Долидзес вахмистре.

– Некъ кхерамаза буй хьажа.

– Вухаверзаве и шиъ! – човхийра иза ротмистра. – Зеламхин гIepa некъа йистехь лаьтташ хир йу-м, ца моьтту хьуна, Iовдал!

Хьекъална аьрто, къиза, мекара велахь а, кIиллочарех вацара Долидзе. Цунна дика хаьара Ведана кхачале шаьш кIелонна тIенислур дуйла. Хаьара, нагахь санна Зеламхица тасадалар хилахь, йа уьш, йа шаьш хIаллакьхилла, толам цхьана агIонгахь биса безийла а. Iожаллех ца кхоьруш дац Дала кхоьллина цхьа а са. Долидзе а кхоьрура Iожаллех. Цунна вала ца лаьара. Иза хIинца а къона ма ву. Амма ша кхоьрий ца хоуьйтура цо накъосташна.

Шина лома йуккъехь, некъо голатухучохь хIорш дIахьаьвзича, некъа йуккъехь кхо стаг лаьттара, тоьпаш хьалха а лаьцна. БIаьргех доьхкина Iаьржа куьзганаш долуш, цIен маж йерг – цхьа-ши гIулч хьалха, важа шиъ цунна тIехьа. Оцу шиннах цхьаъ вевзира ротмистрана. Полковника Морганиян кабинетехь гинера цунна и стаг. Вуьшта аьлча, полковникан къайлах йолахо. КхоалгIаниг – лекхачу дегIара, векъана, боккха, беха мара а, даккхий мекхаш а долуш.

– Герз ма хьаде! Герз хьадахь, тIетухур йу шуна! Цхьацца чу а вуссуш, лаьтта бертал охьадийша! – омра дира Бетарсолтас.

Бетарсолта оьрсашца дукхазза а набахтехь Iийнера. Цунна гIеххьачул шера оьрсийн мотт хаьара. Йоза-дешар а Iеминера. Аюбал тIаьхьа Зеламхин талмаж а, йозанча а вара иза. Шатайпа писар.

Топ карахь пайтон чуьра чуиккхира Долидзе.

– Шуна моьтту кIилло зударий дац тхо! – мохь тухуш, тоьпан лаг уьйзира цо.

Зеламхина тIе дуьххьара хIоьттинера иштта киртиг. Долидзен топ йолуш цIеххьана, каде аьтту агIор дIатаьIира иза. ТIехьа лаьттачу Пешхос, шен ондачу пхьаьрсашца цуьнан пхьаьрсаш йукъа а къовлуш, маравоьллира Зеламха.

– Тахана тIаьххьара де ду хьан, хорачойн Зеламха! Деле хьайна къинхетам…

Пешхо кхидIа вистхила ца кхиира. Лакха тIера схьатоьхначу тоьпаша цхьатерра вожийра Долидзе а, Пешхо а. Накъостех цхьаммо, нийса ниша а лаьцна, Пешхон аьтту лерга чу тоьхна дIаьндарг, коьртах потт а тосуьйтуш, аьрру лергахула арайаьллера. Некъана шинне aгIop тархашна тIехьара схьайеттачу тоьпаша бохийна хьовзийра дошлой. Оцу йоццачу йукъах пайда а эцна, накъосташна тIе лома хьалавелира Зеламха а, Бетарсолта а. Сихха меттабаьхкинчу суьйлаша, пайтонашна, говрашна тIехьа а лечкъаш, обаргаш болчу aгIop низам доцуш, эрна тоьпаш йеттара.

Шина сохьтехь бахбелира и тIом. ДегIастанхойн дошлойн йуьхьанца аьтто бара, шайн командир вийча, йуха а бевлла, бевдда, кIелхьарбовла. Амма цара иза ца дира. Уьш ламанхой ма бара. ХIумма а кIилло а боцуш. Майра, доьналле, йахь йолуш. Царна ца лаьара, инженерийн комисси ларйан декхар тIедиллина Дагестански полкера къастийна шаьш, шайн декхар а, шайна белла тешам а бицбина, кIиллой бевддера аьлла, лаьмнашкахь эхье цIе йаккхийта. Ткъа тIом генабаьлча тIаьхьа дара йухабовла. Хьалхарчу сохьтехь царах маситта вийнера. Йайъина а, чевнаш хилла а Iохкура говраш а. Шийтта дегIастанхочух итт велла Iуьллура. Дийна висина шиъ чевнаш хилла вара.

Шайна дуьхьалдетта герзаш севцча, ГацагIеран Бетарсолта а, АнагIеран Жамаьлда а тIе а кхайкхина, цаьрца некъа тIе чувоьссира Зеламха.

Кхузахь белла Iохкура дегIастанхойн дошлой, виъ салти, кхиберш а. ТIамарш йаржийна аркъал а, бертал а, набарш кхетча санна, кIегар хевшина а, чевнаш хилла меженаш куьйгашца схьалецна йуьхьарбахана а. ХIокху кхааммо, цхьацца тIе а воьдуш, йаххьаш къилбехьа йерзош, меженаш нисйеш, бIаьргийн негIарш тIе а къуьйлуш, моггIара аркъал охьабехкира суьйлий. ТIаккха йаххьаш тIе церан шайн башлакхаш а тийсина, дoIa дира.

– Дала гечдойла шуна. Дала къинхетам бойла шух. Ламанхой, лулахой, тхан бусалба вежарий дара шу, дуьненан хьоло Iехийна, сутаралло тхуна дуьхьалдаьхна. Дала къастор ду вайх бакъ а, харц а мила хилла.

Пешхон дакъа тергал ца деш дитира цара.

ТIаккха кхечу беллачаьрга а, чевнаш хиллачаьрга а хьаьвсира уьш. Белла Iохкура ротмистр Долидзе, виъ салти, статс-секретарь Войтченко, инженер Орловский, некъийн мастер, некъийн контролер. Чевнаш хилла Iохкура вахмистр Магомаев, некъийн мастер, ши ямщик, подполковник Чикалин, суьйлийн дошло.

ХIораннан чевнашка хьаьжира Зеламха.

– Шун чевнаш кхераме йац. Лоьро дIайихкича, сихха йоьрзур йу. Цхьа сахьт далале орца кхочур ду шуна тIе. ХIетталц сатоха.

ТIаккха пхьаьрсах чов хиллачу, сира маж, дехий, даккхий мекхаш долуш, кхузткъа шарал лакхара хан хила тамехь оьрсичунна тIехIоьттира Зеламха. Оьрсичун белшаш тIехь цхьа шатайпа погонаш йара.

– XIapa мила ву? – хаьттира цо дархошка.

Цхьа а вист ца хилира.

– XIapa оьрси мила ву, хоьтту ас шуьга? – аз айдира Зеламхас.

Цхьа а вист ца хилира.

– Тхан накъост шайн кара нисвелча, аш, йетташ, меженаш кегйеш, йагош, хьийзаво, накъостий бийца бохуш. Оха иза ца до. Тхо чаьлтачаш дац. Оха гIорасиз стаг, карахь герз доцу стаг ца хьийзаво. ХIунда ца дуьйцу аш хIара оьрси мила ву?

Вахмистр Магомаев, лазаршна цергаш тIеттIа а къуьйлуш, куьг лаьттах а гIортийна, охьахиира:

– Оьзда къонах, йахь йолу къонах ву бохуш, лаьмнашкахь цIе йахана Зеламха! И хIунда хоьтту ахь тхоьга? ХIара санна киртиг тIехIоьттича, хьайн накъосташа вовшашна йамартло йича, хьуна муха хетар дара?

Зеламха велавелира.

– Бакълоь хьо, Махьма6! Со дохковели, и хаттар дарна. XIapa оьрси тхайца дIавуьгу оха. ХIокхо ша дуьйцур ду, ша мила ву. Дисинарш дерриш а маьрша ду шу.

Цхьана куьйга хIаваэ хьала а лаьцна, топ кхоьссира Зеламхас. Итт минот йалале говрашкахь схьагулбелира цуьнан накъостий.

– Герз схьалахьаде. Дийна йисина говраш схьалеца. Пайтонаш ата. XIapa оьрси Пешхон говра хааве.

Шина сохьтехь лаьттинчу тIамехь атталла мерцхалг а ца даьллера Зеламхин накъосташна тIера.

Ах сахьт далале гIуллакх чекх а даьккхина, лаьмнашка дIабахара уьш.

7

Морганияс дош деллера Долидзена, эшначу хенахь цунна орца кхочур ду аьлла. Амма иза ца кхечира. Зеламха комиссина тIелетча, хаам бар тIедиллинчу суьйлийн жаIуша и хаам ца бира. Хаам бира, амма Долидзен отряд хIаллак а йина, Зеламха къайлаваьллачул тIаьхьа диъ сахьт даьлча.

ТIаккха Зеламхин лорах тIаьхьайелира кхо отряд. Iаьндара схьа Дагестански полкан шина сотница Котиев а, Гасанилов а, лаамхойн отрядаца Саадуев а, Веданара хьала ГIизлара-Гребенски полкан сотница Кибиров а.

ТIом хиллачу меттигана гена сихвелира Зеламха. Чермойн ломана уллора Iабдуллин-дукъ а хадийна, Ихарой цIе йолчу суьйлийн йуьртахула а ваьлла, Хойн чIожахь садаIа сецира иза. Зеламхин накъосташкахь хIорангахь а, чевнаш йерзош лелош, дарбанаш а, бинташ а дара. Кхузахь Чикалинан чов а йихкина, цуьнгара лем эца вуьйлира Зеламха. Бетарсолтас гочдора хеттарш а, жоьпаш а.

– ХIинца дийцал, хьо мила ву?

– Подполковник Чикалин.

– Балхахь мичахь вара хьо?

– Ботлихехь. Некъийн инженер.

– Комисси йукъахь вара хьо?

– Вацара. Сан отпуск йу. Комиссица Россе ваха новкъа ваьллера со.

– Шарль Акс вевзий хьуна?

– Селхана вевзинера. Нийсса аьлча, селхана гинера.

– Тахана байъинчу инженерашна йукъахь варий иза?

– Вацара.

– Комиссица вацара иза?

– Вара. Иза новкъа йолуш, цунах дIa a къастийна, Темирхан-Шура вигна иза. Цигара дIа БуритIа гIур ву.

ОьгIазвахана, цергаш хьакхийра Зеламхас. Михеевн нуц шен буйнахь волуш санна, сапаргIат вара иза тахана Iуьйранна. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца шен Iалашо кхочушхилча санна. ХIинца и сатийсам а дIабели цуьнан. Гуттаренна ца баьллехь а, цхьана ханна. Йуха а иза лаца гIерташ, цунна тIаьхьа толлуш, лела веза. Кхин аьтто нислой а, ца хаьа. Ткъа Беци, Зезаг, бераш Сибрехь ду. Цхьа а тайпа хабар доцуш, масех бутт баьлла. Инженерашкахь карийна ахча а ши бIе шовзткъа сом бен дац. Эрна хили цо а, накъосташа а хьегна къа а, Iанийна цIий а.

– Оха тхайца дIавуьгур ву хьо, полковник. Шортта ахча лахь, маршавоккхур ву. Масала, ши эзар туьма.

– Сан дац оццул ахча. Аьттехьа а. Алапел совнаха, суна тIедогIуш цхьа кепек а дац.

– Россехь бахам буй хьан? ЦIенош, латта, даьхни?

– Иза а, важа а дац. Со помещик вац.

– Мел ахча далалур ду хьоьга?

– Итт-ткъа туьма.

– Гергара нах, доттагIий буй хьан?

– Бу. Со санна, къен. Къена а.

– Аьшпаш буьтту ахь, полковник. Къен оьрси хьан дарже лакха ца воккху шун паччахьо. Хьолахо бен. Къен оьрси салт воккху. Хьан ахча ду. Россехь бахам а бу. Цул совнаха, кхузара ламанхой къинхетамза талабо аш. Тиша шарбал йуьйхина, Россера кхуза веана эпсар, цхьа шо далале, эла санна, кечло. Хьайн хьаькаме, гергарчу нахе, доттагIашка кехат йаздийр ду ахь. Цхьа бутт балале Зеламхина ши эзар туьма тIе ца кхачадахь, хьан корта боккхур болуш бу цо аьлла.

Кхузахь бекъа кхача а биъна, цхьана сохьтехь говрашка са а даIийтина, новкъа бевлла уьш МакIажа кхочуш, эвла йистехь гулделла дуккха а адамаш гира царна. Цаьргара шайна новкъарло хир йу бохург дага а ца догIу Зеламха, шек а воцуш, тIевахара царна.

 

Лаьмнашкахь дукха йарташ йу тогIешца йаьржина. Йарташ ала йаккхий а йац уьш. Уггар йоккхачу йуьртахь бIе сов кIур хуьлу. Царна тIедоьлху некъаш хала ду. Амма миччахь а цхьанхьа, мел генахь а хилларг, телеграф санна, хIора йуьрта дIакхачадо. Къоьзан-Iомана а, Ботлихе боьдучу некъана а гена йац МакIажа. Цундела макIажошна уггар хьалха хиънера тахана некъа тIехь хилларг.

МакIажоша дукхазза а дуьхьало йинера Iедална. ХIокху Ведана- округехь уггар къармазечу йартех коьртаниг лорура иза Iедало. Кхузара дуккха а нах – къаьст-къаьстина а, доьзалшца а – Сибрех бахийтинера. Цхьаберш цигахь беллера, важаберш хан йаьккхина а, бевдда а, цIа бирзинера. МакIажошна хаьара, Зеламха шен тобанца шайн йуьрта гIуртур вуйла. Иза чувитича, цуьнан тIaьхье муха хир йу, хаьара. Iедало луьра таIзар дийр дара йуьртана. Царна ца лаьара, шайн бехк-гуьнахь а доцуш, йуьртана бохам хуьлийла. Цундела МакIажан йуьртдас Муслос йурт гIаттийра, Зеламха цига гIортахь, иза йуьрта ца вита.

Зеламха шен тобанца тIекхаьчча, некъ лецира макIажоша. Царна хьалха лаьтта Зеламхина вевза Мусло а, ЯсаI а, Iyмap а, кхин масех стаг а.

– ХIей, Мусло! ХIун ду аш лелориг? Тхуна некъ хIунда ца буьту аш?

– Тхан йуьрта чу вогIур вац хьо, Зеламха!

– ХIун ду? Тхуна бихкина-м бац хIара некъ? Йа Iедалх кхераделла шу, йа цунна дохкаделла шу?

– Тхо кхераделла а, дохкаделла а дац, Зеламха. Тхан дуккха а нах Сибрех бахийтина. Дуккха а цигахь белла. Тахана а цигахь хан токхуш а бу. Цхьаберш хьо бахьанехь а лецна. Хьо йуьрта витиний хиъча, Iедало бохам бийр бу тхуна.

– Шайна дов ца дезахь, новкъара дIадовла!

– Девр дац. Тхан декъашна тIехула девлла бен йуьртахула чекхдевр дац шу.

Зеламхас ойла йира. Шеко йацара, Муслос и нах цунна дуьхьал карзахбаьхна хиларан. Дукхахболчаьргахь герз ду. Церан бертаза йуьрта гIортахь, хьанна хаьа, цхьана Iовдало герз тухий а. ТIаккха хIокхара дIатоха а деза. Вер-ваккхар хир ду. Ткъа хIокху нахах дуккха а Зеламхина бевза. МакIажа а, Хорача а лулахь ма йу. Йуккъехь гергарлонаш а ду. Дуккха а мостагIий бу Зеламхин. Стенна оьшу цунна керла мостагIаллаш? Амма хIара Мусло боху зуд таIзарза дуьтийла а йац.

Урх йуха а узуш, говран чоьже кIажаш таIийна, иза тIаьхьарчу когашна тIе а хIоттийна, дIакхевдина Муслон коьртах шед туьйхира Зеламхас. Муслос, хумпIара чуьра схьайаьккхина, Зеламхина тIе тапча лецира, амма иза лаг оза кхиале, Бетарсолтас, ка тоьхна схьалаьцна, цуьнан пхьарс хьалаберзийра. Йаьллачу тапчанан дIаьндарг хIаваэ хьалайахара. МакIажой а, шен накъостий а чуьччагIоьртича, Зеламхас мохь туьйхира:

– Герз ма тохалаш, кIентий!

Герз тоха лууш макIажой а бацара. Амма буй-тIара йеш, хьерча буьйлира. Делахь а, Зеламхин накъостий, говрийн накхошца уьш дIаса а тоьттуш, гуттар карзахваьллачунна шед а тухуш, тобанна йуккъехула а бевлла, йуьртахула чекхбевлира.

Гена довлале шен йийсар дагавеара Зеламхина. Амма иза гуш вацара цаьрца.

Зеламхин накъосташна а, макIажошна а йуккъехь хиллачу хьовр-зIоврах пайда а эцна, веддера иза. Ткъа макIажоша цунна новкъарло ца йинера.

8

МакIажал тIехваьлча, накъосташца муьлхачу агIор вахча, кхерамза хир дара-те бохуш, ойла йора Зеламхас. ЧIебарлойн лаьмнашкахь социйла а дацара. Шен гIалагIазкхашца кхуза хьалавогIуш хир ву Кибиров. Цкъа Шapa-Орган агIорхьа ваха дагадеара цунна. Кибировс дIакъевлина хир ду кхузара дIа цига доьлху некъаш. TIe, Моргания гIалагIазкхийн шина сотница Органца хьалавахана бохуш, хабар а дара. Шайн лар йайа цкъа Шара-Органехьа а вахана, тIаккха суьйлийн йуьрта Ригаха дIавирзира иза. Кхузахь цхьана ханна шайн лар йита сацaм хилира цуьнан. ТIаккха Iаьндойн лаьмнашкахь лар а йайъина, Нохчийчу а вирзина, накъостий дIаса а хецна, ша цхьанхьа къайлавала.

ГIагIатIлан агIорхула схьа Чермойн лома богIура уьш. Некъаш Iаламат хала дара. Цкъацкъа нийсса хьала, тIаккха йуьхьар чу, гаттий. Цхьаццанхьа, говраш тIера чу а биссина, уьш архаш лаьцна йига йезаш меттигаш а нислора. Халла Чермойн лома хьалабевлира уьш, Кхузахь ши-кхо чаккхарма йеакIов ала мегаш аре йара. Говрашка садаIийта севцча, Iасса тIай тIехь Зеламхас чов йинчу ротмистран Донагуловн ваша тIенисвелира царна шен отрядаца. Бевдда, кIелхьарбовла аьтто бацара. Хьалха Донагулов вара, тIаьхьавогIуш шaйн сотнишца Котиев, Гасанилов вара. Аьтту йа аьрру aгIop кIелхьарбовла гIоьртича а, тIулган лекха бердаш дара. ГIаш чудиссалур дара, амма говраш йигалур йу бохург хьехочохь а дацара. Кхузахь дуьхьало йича а, хIорш берриг а хIаллакьхир бара.

ХIорш гича, акха маьхьарий хьоькхуш, кортош тIехула тарраш хьийзош, чухьаьлхира Донагуловн дошлой. Донагулов хьалха вогIура. Цо дуйнаца чIагIо йинера Зеламхас заьIап винчу шен вешин чIир йекха… Дуьхьал герз ца тоьхча, эвххьаза тIебогIур бара уьш. Зеламхас хьалха, тIаккха накъосташа герзаш туьйхира. Цхьа-шиъ говрашкара чувуьйжира, амма бисинарш хьере тIебогIура. Цхьана минотана дуьненах дог диллира Зеламхас. Суьйлийн говраш дика ма йу. ТIе, лаьмнийн хьелашкахь Iамийна. Ткъа xIapa суьйлий шаьш, хIокхарал цуьрриг а ца оьшуш, дика береш бу.

Шен говр аьтту агIор дIа а хьовзийна, урх дIa а хецна, раз тIехьа а вирзина, дошлошна йукъа топ йеттара Зеламхас. Цунна тIегIоьрттина вогIура Бийсолта а, Бетарсолта а, Соип а. Берда йисте кхача ткъех гIулч йисча, топ тоха йухахьаьжначу Зеламхина Бийсолта ца гира. Цуьнан говр сецна лаьттара, ткъа Бийсолта цхьа ког луьйтанахь болуш, говран агIонца кхозура. Сиха говрара чу а иккхина, кIантана тIехьаьдира Зеламха. Уггар хьалха цуьнан ког луьйтанах мукъабаьккхира, тIаккха цIеша буьзначу коьрте хьаьжира. Коьртах кхеттачу дIаьндарго хье дIатеснера. Иза къилбехьа а верзийна, цуьнан меженаш дIанисъеш, xIapa воллуш, хьаьдда тIевеара Бетарсолта а, Соип а.

– Вайгара гIо оьшучуьра ваьлла хIapa, Бетарсолта. Шу кIелхьардовла хьовса.

– ХIокхунна хIун до вай?

– Кхузахь ца витича вер вац. Ваьшца xIapa дIавига гIоьртича, дерриг а хIаллакьхир ду вай. Тхоьша бахьанехь накъостий хIаллакьхуьлийла ца лаьа суна. И дошлой бусалбанаш бу. Йа бусалба динехь дакъа дIадуллур ду йа схьалур ду цара.

– Ахь хIун до?

– Сайн ницкъ ма-кхоччу, уьш совцо гIуртур ву со. Шу кIелхьардовла.

– Кхузахь хIаллакьхила бакъо йац хьан, Зеламха!

– ДIагIо чехкка!

Дошлой тIекхача бIе гIулч бен ца йисинера. Зеламхас топ йеттара. Наггахь дошло велла йа чов хилла, говрара чувужура, йа говран вортанна тIе охьавоьдура, йа цхьа ког луьйтан чохь а болуш, говро текхавора. Зеламхин коьртехь уьйриг хилла ойланаш хьийзара. ТIаьххьара ваша вийна цуьнан. Пхийтта шо долу жима ваша. Маьлхастахь, шеца дIаваийта аьлла, Бийсолтас дехар дича, дог кIаддела, дIавигира цо иза. Шена уллохь хилча, цунна кхерамаза хир ду моьттуш. ХIетахь цо БецигIаьрца витина хиллехьара иза. Цаьрца Сибрехь дийна хир вара. Мацца веана а, цIа вогIур вара. ХIинца иза шен бехкенна велча санна, хетара Зеламхина. Иза воцург а. Ден да, да, ваша, ден вежарий, шичой. Беци а, Зезаг а берашца цхьаьна Сибрех бахийтарна а…

ХIинца дошлойн йаххьаш къаьстара цунна. Шуьйрий, йехий, горгий. Iаьржа, хьаьрса мажош а, мекхаш а. Хьере цIийделла бIаьргаш а…

Ткъа кхузахь иза велча, хIун нислур ду? Бийсолта денлур ма вац. Цул хьалха байъинарш а денлур бац. Сибрехара цуьнан доьзал цIа а богIур бац. Иза дийна виса ма веза. Церан массеран а чIир йекха. ХIаъа, белларш денлур бац. Амма кхузахь иза велча, Бецех а, Зезагах а, берех а хIун хир ду?

Шен топ мара а къевлина, керчаш вахана, бердах чутилира иза. Берд тархаш йолуш хиларо аьтто бора, цхьанна тIера кхоссалуш, кхозалуш, шершаш, охьаваха. Лакха тIехь детта герзаш севцча, шех хилларг хIун ду ца хууш, сагатделла карийра цунна накъостий. ХIара гучуваьлча, хазахетта, маьхьарий девлира церан. ТIаккха лакха тIера чухьаьвсинчарна шаьш ца гайта, бердашна тIе а теIаш, оцу меттигана генабевлира уьш.

Дошлой, говраш тIера чу а биссина, бердах чу охьахьуьйсура. Амма Зеламха а, цуьнан накъостий а гуш бацара. Уьш лецалург хиларх дог а диллина, цхьаболчара церан говраш схьалийцира, кхечара герзаш схьалахьийра. Долидзен командера схьайаьккхина вуьрхIитта топ кхузахь йитинера обаргаша, шайнаш шайца дIайаьхьнера. Масех чов хилла, йелла Iуьллура Нохчийчохь гIapaйаьлла Зеламхин хьаргIа басахь Iаьржа говр. Цунна тIера схьаэцна таьлсаш Донагуловга дIаделира цхьана суьйличо. Уьш схьадаьстича, чохь чухуладуху цIена коч-хеча, пазаташ, мерах хьокху йовлакх, турмал, электрически фонарик, жима лом, цо йаздечу кехаташна тIетуху мухIар, Шемалан а, Хьаьжа-Мурдан а суьрташ карийра Донагуловна…

***

ТЕРКАН ОБЛАСТАН НАЧАЛЬНИКЕ,

TеPКAН ГIалагIазкхИЙН ЭСКАРАН

НАКАЗНОЙ АТАМАНЕ

1911 шо, 4 март

№ 3520

Соьлжа-ГIала

Хьан локхалле хоуьйту, Зеламхин гIepaнo массо хенахь йинчу йерриг талорийн жигара дакъалацархо хилла Тамаев Аюб, шен накъост обарг Хасуев Абубакар Йоккхачу АтагIахь дIадаханчу шеран 1-чу декабрехь вийначул тIаьхьа, лечкъина, къайлаваьллера. Бусалбанийн гIурбанан денош даздеш, Аюб шен цIахь АтагIахь хир ву аьлла, агентуро бинчу хаамца вийна иза.

Цундела хьан локхалле дехар до Йоккхачу АтагIан бахархошна цхьа а тайпа административно таIзар цадар, хIунда аьлча обаргаш Хасуев Абубакар, Тамаев Аюб къайлабевлла меттигаш оцу йуьртарчу цхьаболчу наха Iедале къайлах йийцина, оцу нехан къайлахчу гIоьнца вийна и ши обарг. Суна хетарехь, таIзар ца деш битарал совнаха, цигарчу бахархошна вай диканиг дича, масала, шен йуьртан махка тIехь ира герз, шира тоьпаш лело царна бакъо йелча, обаргаш схьалеца йа хIаллакбан вайна аьтто бан масал хир дара цунах кхечу йарташна…

Соьлжа-ГIалин округан начальник,

полковник Стрижев

XXII корта. ТIам бойна леча

Ламанан дарта йу

ХьегIарехь тийна,

Когаш тIех лаьтташ йу,

ТIемаш гIортийна,

Лаьтта дeгI дожадар

Деза ца луш.

Мархаш кIел хьийзаш, цо

Зама текхнера,

Турпалчу тIемашца

Хедадеш xIуo…

М-С. Гадаев

1

Чермой ломахь Бийсолта вийначул тIаьхьа, цхьана aгIop, дог кIадделлера Зеламхин. Шен ден да, да, вежарий, шичой дийна болуш, дог кура дара цуьнан. ХIетахь иза цхьана а халонех, бохамех, Iожаллех ца кхоьрура. XIетахь ша стигалахь мархашлахь хьийзаш, оцу лакхенгара охьа лекхачу лаьмнийн баххьашна тIе а хуий, гондIа сирла бIаьрг беттачу майрачу лечанах тера хетара цунна. ХIинца вац уьш цхьа а. ХIинца ша ший тIам бойначу, лен чов хиллачу, ламанан чIожа охьадоьжначу лечанах тера хетара цунна. Мацах ша тIехула кура хьийзинчу мархашка а, лаьмнийн баххьашка а гIийла бIаьрг бетташ, гIорасиз, заьIап, кIелдисинчу лечанах. Дог-м ду, хьалха санна, майра, къармазе, карзахе. Амма, хьалха санна, чIогIа дац. КIадделла. ГIелделла. Даим дIа бала бу кийрахь дог Iуьйдуш, дог делхош.

Вукху aгIop, кийрара и бала алсам мел болу, цуьнга терра дарло цуьнан дог. Цо бекхаме кхойкху иза. Ша дуьненахь цхьалха витинчу мостагIех бекхам эца. Шен ден да, да, вежарий, ден вежарий, гергарнаш байъинчу мостагIех бекхам эца. ТIаккха чIогIа ницкъ богIу цуьнга, дог чIагIло цуьнан.

Лаьмнашкахь бохам хиллачул тIaьxьa бутт хан йаьлла. Оцу йоццачу хенахь мукъа ца Iийра Iедал. Иза карзахдаьллера, Буру-гIалара дIа Петарбухе кхаччалц. Дийнан делкъехь ГIизларера банк тало Зеламхин аьтто нисбалар ша дара. Цо хьалххе Вербицкийга хаам бинехь а, хьанна моьттура хIетахь, иза, ши бIе чаккхарма некъ а беш, герзех боьттинчу масех эзар гIалагIазкхашна йуккъехула чохь тIеман йоккха гарнизон лаьттачу ГIизлар чу гIур ву? Ткъа инженерийн комиссина Зеламхас кIело йийр йуйла кхо де хьалха хаьара. Шен гIеранца иза хIаллакван план а хIоттийнера, берриг кечам а бинера. Кхо сотни гIалагIазкхий а, лаамхойн отряд а. Операцина тIехь куьйгалла деш ишттачу балхана зеделларг долуш, говза, майра, мекара эпсар а вара. ХIетте а комиссина ха деш болу дошлой, салтий, некъийн масех инженер, белхало вийна, цхьана а разбойникана тIехь мерцхалг а ца долуш, дIавахара Зеламха. ШозлагIа Донагуловн сотнина тIенисвелча а, кIелхьарваьлла. Вийна ваша а, говраш а, трофейни герз а дитина.

Кавказан наместник Воронцов-Дашков оьгIазваханера. И гIуллакх таллар, Зеламха шен гIеранца хIаллаквар, кхузара зуламаш тIаьххьара а, гуттаренна а дIадахар областан начальникана тIедилла тIеман а, ламанан халкъийн а гIуллакхех жоьпала волу шен гIоьнча инарла Шатилов вахийтинера наместника.

Леррина кечйинчу вагонехь Соьлжа-ГIала веаначу Шатиловс ша волчу кхеташоне гулбира Михеев, ДегIастана областан начальник инарла Ермолов, полковник Моргания, округийн начальникаш, участкийн пурстопаш, лакхара эпсарш, Зеламхас заьIап винчу шен вешин чIир йекха веана шолгIа Донагулов.

Лекхачу дегIара, шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ йолуш, кхузткъа шаре гIоьрттина стаг вара Шатилов. Мацах Iаьржа хилла корта а, цIоцкъамаш а сирделлера. Йуьхьан чкъор сендеш, цIена даьшнера маж-мекх. Йуьхьана болатан басахь велахь а, бIаьргаш тIех сийна дара. Лекхачу, шуьйрачу хьаьжа тIера хебарш, шад хилла, цхьанхьа гулделлера. Дуткъийчу балдашка хьаьжча, ванах, и стаг цкъа а велавеллий-те олий, хеталора.

 

– Господа! – вистхилира иза болатах декачу озаца. ТIаккха цо сохьтехь сов дагардира хIокху тIаьхьарчу масех шарахь областехь хилла зуламаш, меттигерчу Iедалан гIалаташ, ледарлонаш. – Иза, лераме господаш, эхь ду Россин империна, оьрсийн герзана! Массанхьа а йохург Зеламхин цIе йу. Зеламхас некъахой, гIаланашкара хьолахой, гIалагIазкхий, станцин касса, ГIизларера банк талийна, нах йийсаре бигна, байъина. Ткъа Керкетехь цо хIаллакбина Дагестански полкан дошлой, салтий, инженераш. Шуна шера хаьара, цигахь Зеламхас кIело йинийла. Дошлойн кхаа сотнина, лаамхойн отрядана йуккъера а ваьлла, вахана иза. Разбойник Зеламха ша цхьаъ вац областехь Iедална дуьхьал болх бийриг. Зеламха ша цхьаъ а, бIе Зеламха а ларор вацара цо дийриг дан. Цуьнан онда гIортор йу Нохчийчохь, ГIалгIайчохь. И гIортор цигара халкъаш ду. И халкъаш, цхьа буй бина, цхьаьнатоьхнарш динадай бу. Тайп-тайпана шайхаш. Шуна Iаламат дика хаьа, Зеламхас ГIизларера банк а, Соьлжа-ГIаларчу станцин касса а талош, динан цхьана сектин коьртехь лаьттачу шайхан Баматгери-Хьаьжин кIант цуьнца хилла хилар. Шу дуй баа даьхьара дарий, кхечу шайхийн, молланийн кIентий Зеламхица ца хилла йа тахана а бац аьлла? Шайн шайхаша омра дича йа царна лаьий хиъча, жоьжахатин цIерга лелха кийча бу церан мурдаш. Уьш бу Зеламхин гIеранца а, зуламхойн кхечу гIeранашца а. И шайхаш кхузара дIа ца баьхча, цкъа а совцур дац областера зуламаш. Уьш кхузахь мел бу, Зеламха а хир ву. Цхьа Зеламха аш лаьцча йа вийча, цуьнан метта кхин зеламхагIар гIовттур бу. Шайн доьзалшца цхьаьна махках баха и шайхаш, кхиболу динан фанатикаш а. Разбойникийн меттамотт йаккхийчу йарташна генарчу, шун тергамна кIел йоцчу лаьмнашкарчу, хьаннашкарчу кегийчу кIотаршкахь бу. Уьш йохае, цигара бахархой аренга, йаккхийчу йарташка кхалхабе. Цул совнаха, Керкетехь Зеламхас байъинчу дошлойн, салтийн, инженерийн, некъан белхалойн доьзалшна а, Зеламха бахьана долуш зен-зулам хиллачу оьрсийн доьзалшна а гIоьнна нохчийн йарташкара, бIе эзар соьмал лахара доцуш, ахча даккха. Иза кхочушдан цхьа бутт хан ло шуна. Нохчийн йерриг а йарташка таIзарийн отрядаш хIиттае. Уьш кхабар бахархошна тIедожаде. Зеламха-м хьовха, муьлхха а цхьа разбойник шен хIусаме тIеэцначу доьзална, дийнна йуьртана луьра таIзар дан деза. И саннарг кхечу доьзалшка, йарташка ца леладайта. Хаалаш, кхузахь хIоьттина зуламе хьал а, шун кIедалла а цуьнан Воккхаллина императорна хууш хилар а, иза чIогIа шуна резацахилар а. Областера разбой тIаьххьара а, гуттаренна а дIайаккха хIун гIo оьшу шуна? Герз, эскар, ахча? Шуна оьшург дерриг а хир ду. Амма шу а хилийша жимма дийна, жигара. Кхузара хьал кхидIа лан ойла йац цуьнан локхаллин наместникан.

Кхеташонан декъашхоша гIайгIане ойланаш йора. Цаьргара хIун лоьху хIокху паркетни инарлас? ХIокхеран метта ша хилча, хIун дан воллура иза? Шайн ницкъ кхочург деш ма бу уьш. Йарташкара гIуданаш а доху, йарташ йоха а йо, лоьцуш, нах Сибрех а хьийсабо доьзалшца цхьаьна. ХIара сонта, къармазе халкъ ца къарло-кх…

2

Дешина ша ирсе хетара.

Шен дахаран ткъе итт шарахь къаьхьачун чам хиънера цунна. Муха ца хаьа, Болатах къаьстичхьана хIора дийнахь цо къаьхьа баланаш Iийшича.

Цо дагалоьцура Болат тIамехь хилла бархI бутт. XIopa минотехь иза вийна цIавалорна кхоьруш, шен деттаделла дог. Кхана иза лаьцна вуьгучу хьалхарчу буса Болата шега дина къамел. Иза салташа лаьцна вигна де. Дешис дош деллера Болатана, иза лаьцна вуьгуш, цунна тIaьxьa ца йелха. Цундела иза гучура валлалц дог эккха доллуш, хала садиттира Дешис. ТIаккха шен дагна маршо йелира цо.

ХIетахь Дешин дегIаца вара Соип. Болатах къаьстинчу хьалхарчу масех дийнахь йа шен дог эккхарна, йа ша эсах йаларна кхерайеллера иза. ТIаккха Iелин воккхахчу кIанте Iумаре дехарш дира цо, шеца БуритIа, Болат волчу, вагIахьара бохуш. Дешис чIагIо йинера, хьаькамаша бакъо лахь, Болатца набахтехь саца а, иза Сибрех вохуьйтуш, цуьнца цига дIайаха а. Цуьнца цхьаьна халонаш лан а, иза леччохь йала а. Болатах а къаьстина, дуьне, дахар ца оьшура цунна. Амма лакхарчу хьаькамо цунна бакъо ца йелира Болатца набахтехь Iен а, цуьнца Сибрех дIайаха а. Хьайна лаахь, тIаьхьа гIop хьо, аьллера.

Болат лаьцначул тIаьхьа ши бутт баьлча, Соип дуьнен чу велира. Цхьаьнггара а гIо доцуш, шен къинхьегамца ша кхиийра цо иза. Болатан куьйгех хаьдча, тишйелира церан хIусамаш. Лело боьрша стаг цахиларна, шайн лаьттан урд а, ши сту а боьхкира. КIантаца цхьаьна мацалла ца дала. Нахе caгIa ца деха.

ТIаккха Соип воккха хилира. Кертахь гIуллакх дора. Ахьмада а, Iусмана а гIo деш, газа-уьстагI а, ши старгIа а дендира. Ахьмада шен цхьа ирзо а делира хIокхарна. Ша долара а ваьлла, гуттаренна а. Соип зуда йалориг хилча, мотт-гIайба, пхьегIаш, кхиерг а йийзира. Ахча а дийзира. Церан доцург. Хила меттиг а боцург. XIopa шарахь йуьртара цхьаболу нах бIаьстенан йуьххьехь Теркйисте йолах балха боьлхура. Цхьацца таро хуьлий, гурахь цIа богIура. Соипана а лиира цаьрца ваха. Дуьненан дерриг самукъа а, сатийсамаш а цуьнца долчу, цунах къаьстича тоха са доцчу Дешина ца лаьара иза цига вахийта. Амма эшамо тIейерзийра.

ТIаккха хилира Деши кхийринарг. Оцу агIорхьара хир бу, ца моьттура цунна бохам. Ведана-гIопан набахтехь Соип волуш, оцу цхьана баттахь хиллачунна тIе а къанйелира Деши. Корта, ло санна, кIайбелира. Букъ сеттина, букархьаьвзира. Хебаршка ихна йуьхь жIоpмакax тарйелира. Ирх ца оллахь а, Сибрех вохуьйтур ма вара иза. Шен да санна, цигахь доьза вовр ма вара иза. ТIаккха тIаьххьара кIур бовр ма бара Болатан. Дешис ша а хIун дийр дара? Къаналла ма йара тIегIерташ, борз санна. ТIаккха иза хьанна тIетевжар йара, цамгаро лаьцна, кIелйисча, иза хьан кхобур йара, йелча, хьан дIайуллур йара, цуьнан кошан барза тIе мила хIуттур вара…

Дала ца хилийтира иза. Дала орцахваьккхира Зеламха. Цо, салтийн буйнара а ваьккхина, схьавелира цунна Соип. Гена лаьмнашкахь, жимачу кIотарахь цIа а тардира. Газа-уьстагI, бежана нисдира. Соипана зуда а йалийра. Масех шо даьлча, Iедална Соип вицвелча, шайн йуьрта цIа дирзира. ХIинца и шиъ цхьа дацара. Соипан зуда а, ши кIант а дара. Овхьада белхеш вовшахтухуш, керт-ков меттахIоттийра цхьана йоццачу хенахь.

Дешина ша ирсе хетара.

Муха ца хета, цхьаъ бен воцчу кIентан ши кIант хилча! Цуьнан Болатан тIаьхье хилча. И шиъ хилла а Iийр ма дац. Кхин а хир ду бераш. ЙоьIарий а, кIентий а. Деши къанйелча, цунна гонаха хьийза. Цуьнан дола дан. Цуьнан дог эца, дог дело.

Дешина ша ирсе хетара оцу масех шарахь. Ирсе йара иза. Амма цхьа бутт хьалха йуха а дуьне кхоьлира цунна.

Оцу деношкахь даим кхоьлина гора цунна Соип. Кертахь цхьа болх болош, чекх ца боккхуш, дIатосуш. Эххар а цхьана суьйранна къамел хилира цаьршиннан.

– Нана, Зеламхех дIакхета сацам хилла сан.

Деши йуьхьанца ца кхийтира цо аьллачух. Иза хаттаре кIaнтe хьоьжура.

– Со Ведана набахтехь волуш, айхьа лайна баланаш, со Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, хьайн дог эккхаза дисинера бохуш, дуьйцу ахь сих-сиха. ХIетахь Аюба а, Абубакара а салташкара схьа ца ваьккхинехь, со вийна хир вара йа Сибрехь доьза вайна хир вара. Оцу дийнахь со кIелхьарваккха Iожаллина дуьхьал хIоьттира и шиъ. ТIаккха гена лаьмнашка дIавигира. Суна цIа-цIе а тардира. Хьо а дIайалийра. Суна зуда а йалийра. Доцца аьлча, хьуна дерриг а хаьа. Вежарша вешин дийр дацара цара сан дина дола. И шиъ йамартлонца вийна. Сан ши ваша. Со воцург, чIир йекха верас вац церан. Вежарий бац. Цхьацца жима ши кIант ву, диъ-пхи шо долуш. Зеламхех дIа а кхетта, цаьршиннан чIир йекха йеза ас.

XIинцa кхийтира Деши кIентан Iалашонах. Цхьана агIор бакъ вара иза. Аюб а, Абубакар а вежарийн метта ма хиллера Соипана. Дешина шен кIентий санна. И дерриг Соипаначул дика хаьара цунна. Амма ненан дог… Соип цуьнан кийрахь ма кхиъна. Исс баттахь. Иза дуьнен чу волуш, йалаза ма йаьлла Деши. Иза кхиош бIеннаш буьйсанаш набарза ма йайъина цо. Иза мацваларна, шелваларна, лазорна, валарна кхоьруш. Иза цхьаъ бен ма вацара цуьнан. КIентан ши кIант-м ву. Дешина шен са санна дукхавезаш. Амма Соип цуьнан цIий ду. Цуьнан дог ду. Иза вехь, садетталур ма дац цуьнга.

– Хьан ойла иштта хилар цхьана агIор хазахета суна, Соип, – элира цо. – Хьан къамел къонахчун къамел ду. ДанчIин Болатан кIентан къонах ца хила бакъо йац. Хьайн ткъе пхи шо а кхачале гайтина ахь хьайн къонахалла, доьналла. ДоттагIчунна орцахвала декхар ду къонахчун. Аюб, Абубакар санначу доттагIашна орцахвалар – муххале а. Амма цаьршиннан чIир йекхале хьайх хIун хир ду, хаьий хьуна? Ахь чIир йекхарх, уьш денлур ма бац. Цундела, суна хетарехь, цаьршиннан чIир йекхар дац хьан декхар, ткъа цаьршиннан къеначу дай-нанойн, кегийчу берийн хьайн ницкъ кхоччу доладар ду. Амма и сацам айхьа тIеэцале, цкъа хьалха хьайн зудчун а, шина кIентан а ойла йан ма йезара ахь, Соип. Къена со-м хьехор а йацара ас. Хьо кийрахь волуш, ас лайна халонаш Аминате а, шина кIанте а Iийшийта, лайта воллу хьо?

6махьма – суьйлашна йукъахь дукха йаьржина цIе. Цавевзачух Махьма олу.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37 
Рейтинг@Mail.ru