bannerbannerbanner
полная версияДарц

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Дарц

Полная версия

Зеламхас ша ГIизларера банк йахьа вoгIy аьлла, Вербицкийга йаздина кехат доьшуш, ца вешаш атаманаца цхьаьна дукха вийлинера Копытко. Зеламха ваьхьа кхуза ван! ГIалагIазкхийн маситта станицехула чекх а ваьлла, эскаран йоккха гарнизон лаьттачу ГIизлара! Теркал сехьа ма-велли, цара шен разбойникашца хIаллаквийр вара иза! Теркал сехьавала а кхуьур вацара. Терка чохь бойур бара, пхьидаш санна!

Ткъа хIинца Зеламха цунна хьалха ву. Вербицкий цIахь вац. Соьлжа-ГIалахь йа БуритIахь сакъоьруш Iаш хир ву. Цуьнан гIоьнча Аверьянов мичахь ву а ца хаьа. Иза а хир ву цхьанхьа, мелла тIуртIазваьлла, дIакхетта Iаш. Доцца аьлча, орцане дог дохийла йац Копыткон. Зеламхин кехатах ша мел ца ваьшнехь а, ларлург Дала а ларво аьлла, сейфаш чуьра дерриг а ахча борзанан неIарш йолчу банкан лармаш чу дIакъевлинера цо. ХIинца цунах маслаIат хиллера хазанчина.

– Со ву, – вахьийна, вистхилира иза.

– XIapa Зеламха ву, – Зеламха вовзийтира Аюба. – Мичахь ду хьан ахча? Сейфаш схьайелла!

Куьйгаш дегош, сейфийн неIарш схьайиллира Копыткос. Амма царна чохь кегийра цIестан ахча бен дацара.

– Мичахь ду шун ахча? – цунна тIечевхира Зеламха.

– Кхин дац…

– Ас-м, ахча мичахь ду, хоьттий хьоьга?

– Хьо банк йахьа вогIур ву аьлла, ахь Вербицкийга кехат даийтича, кхерабелла, банкера шайн ахчанаш дIадаьхна наха…

– Аьшпаш буьтту ахь, ахча мичахь ду, дийца! – гай тIе тапча гIортийра цунна Зеламхас.

Стенна дара а, хаац, кхеравелла, макхвелла вегош волу Копытко, цIеххьана хийцавелла, мохь хьекха вуьйлира:

– Дац ахча! Хилча а, ас дуьйцур а дацара, иза мичахь ду! Разбойник! Талорхо! Кхузара дийна дIaгIyp вац хьо!..

Дерриг а цхьана-шина секундехь хилира. Ванах, эсах ваьлла-те хIара йа терг йеана-те хIокхунна аьлла, даг чу иккхира Зеламхина. Хорша йеача санна, вегочу цу оьрсичун бIаьргаш чохь йогуш мостагIаллин цIе гича, ша-шах тапчин лаг озаделира Зеламхе. Копытко, гай лаьцна, боьха цIогIа а хьаькхна, охьавуьйжира…

Арахь, урамашкахь хьере герзаш дийла дуьйлира. Зеламхас ма аьллера накъосташка, кхераме гIуллакх хилахь, шаьш топ кхоьссина хаам бийр бу, герзаш а детташ, йухадовла.

– Шадолу ахча схьаэца чехкка! – ши накъост сихвира Зеламхас. – Чехкка гIалара арадовла деза вай!

Цкъа дагадеара Зеламхина лармаш чохь ахча дуйла хьажа. Амма хIорш сейфаш чуьра ахча галеш чу а доьхкина, арабовлуш, банкана ха деш хилла масех салти схьакхечира. Кхузахь хиллачух салтий кхетта бовлале, уьш байъиний, чевнаш йиний, охьа а эгийна, араиккхира хIара кхоъ.

ХIокху тIаьххьарчу бIешарахь цкъа а тоьпан тата ца хезначу, машаречу, жимачу гIалахь хIаваъ къардеш, герзаш детта долийча, Зеламха дагавеара меттигерчу гарнизонан начальникна полковникна Меркуровна. Цунна а ма гайтинера Вербицкийс ша ГIизларера банк йахьа вогIур ву аьлла, Зеламхас йаздина кехат. ГIалахь хилларг ца хууш, иза воьхна хьийзаш чувеанчу цхьана эпсаро элира, масех бIе разбойникца гIали чу веанчу Зеламхас банк талийна, банкехь ха деш хиллачу салтех байъинарш а, чевнаш хилларш а бу аьлла. Меркуровс сихха орца а аьлла, банке а, Теркан тIай тIе а салтийн ши команда а хьажийна, гIалина уггар гергарчу Александрийски станице орца элира. ТIаккха кхузахь хилларг дуьйцуш, областан начальнике телеграмма йахьийтира цо.

Меркуровн кхайкхамца, шайн атаман коьртехь а волуш вoгIу ах бIе гергга гIалагIазкхи а, пурстоьпан Вариевн стражникаш а дуьхьал нисбелира, хIорш гIали чуьра арабовлуш. ХIун дара, хаац, говраш хаьхкина богIу гIалагIазкхий а, стражникаш а, хIокхарна тIелатар дечу меттана, цхьа а низам доцуш тоьпаш а йетташ, севцира.

– ХьалхатаIа! ТIетоха Делан мостагIашна! – омра дира Зеламхас, шен говрана шед а тухуш.

Зеламхас цхьана куьйга топ, вукху куьйга тапча йеттара дуьхьал а, аьтту, аьрру aгIop а. Говраш марсайаьхна, цунна тIаьхьахаьхкира накъосташа а. Цара оьрсех тардеш, «вуьррей» бохуш, маьхьарий а хьоькхуш, гIалагIазкхашна йукъа тоьпаш йеттара. ГIалагIазкхий а, стражникаш а, хIокхарна маьрша ков дуьтуш, дIасабаьржира.

Зеламха шен накъосташца Теркан тIай тIе сихвелира. Цигахь Меркуровс йахийтина салтийн команда йуйла, ца хаьара цунна. Хьанна моьттура, оцу йоццачу хенахь цига салтий кхочур бу. ХIорш геннахь гучубевлча, стенна делахь а, дIасаида буьйлира салтий, тIаккха цхьацца дуьхьалонашна тIехьа а левчкъина, хIорш къахко санна, тоьпаш, пулемет йетта буьйлира. Амма дIаьндаргаш хIокхарна аьттехьа а ца йогIуш, цхьанхьа охьаоьгура.

ЦIеххьана Теркана дуьхьал хьала а вирзина, хи шуьйрачохь гечо а лехна, сецира Зеламха.

– Дехьадовла сихха!

БIаьстенан йуьххьехь букъарше Терк говрийн накхошца этIош, цуьнан аьтту агIон тIе дIагIертара накъостий. ТIай тIера салтий, меттахбевлла, уьдуш, схьахьаьлхира. Амма Теркал сехьа висинарг кхо накъост – Зеламха, Саламбек, Аюб бен вацахь а, тоьпан дIаьндарг кхоче гepгa гIорта ца баьхьаш, генара схьа тоьпаш йеттара цара.

Накъостий берриг а Теркал дехьа бевлча, Саламбекана а, Аюбана а тIевирзира Зеламха:

– Дехьавала ший а. Ас салтий совцор бу.

Амма важа шиъ меттах а ца велира.

– Шуьшинга бохий ас-м! Хан ма йалийта!

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Зеламха? ЦIоз санна, тIегIертачу салташна дуьхьал Зеламха ша цхьаъ а витина, Саламбек, ведда, кIелхьарваьллера боху цIе ас сайна йойтур йоцийла, ца хаьа хьуна? Йа хIокху итт шарахь со ца вевзина хьуна?

Зеламхина дика вевзара Саламбек. Масех шо хьалха шена Хонкара вада дагадеача, цо шега аьлларг а ца дицлора цкъа а. Аюб а вевзара. И шиъ майра, тешаме, доьналле ши накъост вара цуьнан. Цхьана дийнахь а, цхьана шарахь а зийна вацара. Итт шарахь зийнера. Зеламхин ши тIам бара и шиъ. ХIинца цаьршинца къийсар эрна дара. Зеламха кхузахь а витина, Теркал дехьа вер вацара и шиъ.

Шен говр, урх озийна, тIаьхьарчу когаш тIе а xIоттийна, шед тоьхна Терка чу тесира Зеламхас. ТIаккха цунна тIаьххье Саламбека а, Аюба а изза дира.

Таш-Гечон махка тIе кхаьчча, садаIа севцира уьш. Банкера шаьш деана ахча цигахь дагардира цара. Иза пхи эзар сом бен дацара. Зеламха ахчанан дуьхьа ца ваханера ГIизлара. Вербицкийна бекхам бан ваханера. Зеламхин Iалашо кхочушхиллера. Амма шеца баьхкинчу накъосташна ахча хила а лаьара. И шадерг царна дIадийкъира цо. Зеламхин ширачу исс накъосто шайна догIу дакъа схьа ца ийцира, вукхарна дитира. Цхьана бахьанашца Iедалан кара гIахь, вовшийн ца бийца цаьрга дуйнаца чIагIонаш а йайтина, уьш дIасахийцира Зеламхас.

6

Зеламха ГIизлара чуваханчу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу эпсарийн клубехь сакъоьруш вара Вербицкий. Дaимa а санна, шампански чагIар муьйлуш, кехатех ловзуш, йукъ-кара мехкаршца халха а вуьйлуш. Шена бевзачу эпсаршца забарш а йеш.

– Зеламхас, ша тахана ГIизларера банк талор йу аьлла, хьоьга кехат даийтар бакъ дуй, атаман? – хаьттира цуьнга уллохула тIехбовлучу эпсарша.

– Бакъ ду, – шен poгIexь цаьрга а Зеламхин кехат дIагайтира Вербицкийс.

– Ткъа хьо кхузахь сакъоьруш ма Ia?

Цаьргара схьаэцна, кехат кителан кисана таIийра Вербицкийс.

– Зеламха, базарара зуда санна, воккха хабарча ву. Со кхеро гIерта иза. ТIулгаш кIел лечкъа дIаьвше цергаш йолу лаьхьа санна, шен лаьмнашкахь сох лечкъаш, ведда лела Зеламха ваьхьа ГIизлара гIорта? Сан отделехь майра итт эзар гIалагIазкхи ву, шайга шок тоьхча, дойшна тIеховша кийчча. Цул совнаха, ГIизларахь эскаран гарнизон, полици, стражникаш бу. Цара хIаваэхула моза тIома болуьйтур бацара сан отделана тIехула!

Суьйранна Соьлжа-ГIала кхаьчначу шийлачу хаамо пхенашкара цIий сацийра Вербицкийн. Областан начальникан гIоьнчас эла Орбелианис хаам бира, Зеламхас ГIизларера банк талийна, ткъех салти вийна, маситтанна чевнаш йина, иза ша зен-зулам доцуш дIавахана, ша областан прокурораца Зайцевца ГIизлара вогIу, Соьлжа-ГIалахь шайга хьоьжуш саца аьлла. Вербицкийн синтем байра. ГIизларахь хилларг цуьнан карьерин чаккхе йара. Даржах вохийна а, чин дIадаьккхина а вуьтур вац. Суд йан а мега. Цо тергал ма ца бира ши де хьалха Соьлжа-ГIалин округан начальника Стрижевс шега бина хаам. Шен агенташкахула цунна хиънера ГIизларера банк тало Зеламха нах гулбеш хилар. Стрижевс и хаийтира Вербицкийна. Ткъа хIокхо иза, забарехьа а даьккхина, дитира. ХIинца полковника тоьшалла дийр ма ду, ша хьалххе хаам бинера аьлла. ХIокху клубехь Вербицкийн къамел хиллачу эпсарша а тоьшалла дийр ма ду. ХIан-хIа, даржах а, чинах а вохийна вуьтур вац. Суд йийр йу. Зеламхас шен дош кхочушдина. Цо уггар эхье бекхам эцна цунах. ХIокху эхьал Зеламхех летта валар гIоли йара цунна. ТIаккха исторехь хастаме йуьсур йара цуьнан цIе. Амма деган кIоргехь xIapa гIуллакх, суьде ца долуш, дIадерзаре дог а дохура цо. Вербицкийс дукха гIуллакхаш ма дина Iедална. Пятигорскехь а, ДегIастанахь а, хIокху Теркан областехь а. Михеевс шен омри тIехь уьш билгал а ма даьхна…

ШолгIачу дийнахь Вербицкийца цхьаьна ГIизлара кхечира Орбелиани а, Зайцев а. ГIуллакх теллича, гучуйевлира кхузарчу администрацин зуламе ледарлонаш. Зеламхас ша кхузара банк тало вогIур ву аьлла, бина хаам хууш хилла отделан начальникан гIоьнчина Аверьяновна а, гIалин хьаькамна Воробьевна а, гарнизонан начальникна Меркуровна а, пурстоьпана Вариевна а, доцца аьлча – меттигерчу администрацин куьйгалхошна массарна а. Амма уьш массо а шекбоцуш Iийнера. TIе, Вербицкийн метта висина цуьнан гIоьнча Аверьянов а, гIaлин хьаькам Воробьев а оцу дийнахь, малар мийлина, тIуртIазваьлла Iиллинера.

Зеламхас ГIизларера банк талийна аьлла, областан начальнике телеграмма кхаьчча, Орбелианис гIовттийра Соьлжа-ГIалин, Ведана, Хаси-Юьртан округашкара берриг а тIеман ницкъаш. Цара дIалийцира ГIизларера схьа Нохчийчу догIу – кегий а, даккхий а – дерриг а некъаш.

Массарал а жигара хьаьвзинера Гуьмсен турпалхо, штабс-капитан Ардабьевский. ГIизларна массарел а гергахь йара Хаси-Юьртахь лаьтта цуьнан отряд. Таш-Гече кхаьчча, цигахь Зеламхин лар карийра цунна. Малхбузу ламаз дина, жамIатан маьждигара арабевллачу нехан тобанна тIенисвеллачу цо уьш лебира.

– Зеламха кхузахула чекхваьллий? – хаьттира цо нахе.

– Цхьа сахьт хьалха чекхваьлла, вахана!

 

– Разбойникаш дукха барий цуьнца?

– БIе хир вара!

– ХIан-хIа, ши бIе вара лаххара а!

– Муьлхачу aгIop бахана уьш?

– Азамат-Юьртехьа.

– ХIан-хIа, шина тобане а бекъабелла, цхьа тоба Азамат-Юьртехьа, важа Акхболат-Юьртехьа бахара!

– Шун пурстоп Абдулкадыров мичахь ву?

– Абдулкадыроввий? Шен стражникашца Зеламхина тIаьхьавахана!

Оцу нахана шера хаьара Зеламха шен обаргашца Гезлойн-Эвлехьа ваханийла. Aмма цара Ардабьевскийн отряд Зеламха ца ваханчу aгIор дIахьажийра.

Меттигера пурстоп Абдулкадыров хIумма а доггаха ца лелара. Цунна дика хаьара, Зеламхина дуьхьал нисйелча, шен жимачу отрядера цхьа а стаг дийна вуьсур воцийла. Цундела, гена ца волуш, Таш-Гечана а, Гезлойн-Эвлана а йуккъехь, буьйса шелйелча, цIерш а латийна, цигахь туп тоьхна, сецира иза. Ткъа и цIерш гина Зеламха, га тесна тIех а ваьлла, Нохчмахка дIавахара.

Эла Орбелианис, барт бетташ, жIаьла санна, чехийра Вербицкий.

– Тхуна моьттура, хьо хьекъале, доьналле, майра стаг ву! Генахь лоькху зурма хазахета бохург хилла-кх иза! Ткъа хьо, Iовдал тентаг хилла ца Iаш, кIилло а, кехатех ловзаран, маларан, зударшца сакъераран бен бала боцуш, йеса хIума а хилла. Зеламхас, ша ГIизлара вогIу аьлла, де билгалдеш, хьайга кехат даийтича, иза ГIизларера банк тало нах гулбеш ву аьлла, Стрижевс хьайга хьалххе хаам бича, хьайн отделера дIа хIунда ваьллера хьо? Кхузахь малар муьйлуш, кехатех ловзуш, мехкаршца хелхавуьйлуш, хIунда Iийнера хьо? Зеламха ца вевзара хьуна? Айхьа иза сийсазвича, цо хьайх бекхам оьцур буйла ца хаьара хьуна? Иза хаа хьекъал дацара хьан? Йа и хууш, веддера хьо хьайн отделера? Хьан отделехь итт эзар гIалагIазкхи, салтийн гарнизон, гIалин полици, пурстоьпан стражникаш ма бара. Оцу ницкъашца лоцур вара хIаваэхула тIомаваьлла воьдург а. Лоцур вара, цигахь шу Iовдалийн, кIиллойн метта кхин нах хиллехь! Хьан гIоьнча а, гIалин хьаькам а хилла селхана малар мийлина, синкхетамах ваьлла Iуьллуш. Шу Iовдалш бахьана долуш, ткъе шийтта салти а, банкан казначей а вийна, маситтанна чевнаш йина. Ткъа Зеламха шен разбойникашца цхьаьна, церан догIмех цхьа мерцхалг а ца доккхуьйтуш, дIавахана! ГIалагIазкхийн, Россин эскаран сий дайъина аш! Хьуна а, хьан гIоьнчина а тоьпаш тоха йезара, жIаьлешна санна. Амма и кхел оха суьде йойтур йу!

Вербицкийс, вист а ца хуьлуш, ладуьйгIира карзахваьллачу элин йаппаршка. Цо дог диллинера шен гIуллакхах. Кхуза областе вогIуш баккхий сатийсамаш бара цуьнан. Хастам а, инарлин чин а. Ткъа хIинца, шен долчух ваьлла ца Iаш, эхье суд лаьттара цунна хьалха…

***

ЦУЬНАН ИМПЕРАТОРСКИ ВОККХАЛЛИН

КАВКАЗЕХЬ НАМЕСТНИКЕ

1910 шо, 8 июнь

Буру-гIала

ХIокху шеран 1-чу январера 15-гIа май кхаччалц Теркан областехь разбойникийн гIерано ши тIелатар дина: 9-чу январехь Соьлжа-ГIаларчу вокзалана а, 23-чу мартехь – ГIизларерчу банкана а. Оха гулбинчу хаамашца, гIеранна коьртехь шоззе а Гушмазукаев Зеламха хилла.

Вокзалана тIелатар кхиамца чекхдаьлла, аьчганекъан администрацис а, некъ ларбан декхар долчу комитето а шайн декхарш кхочуш цадар бахьана долуш.

ГIизларера банк талорна а, маситта стаг вийна разбойникийн гIера, цхьа а тайпа новкъарло йоцуш, кIелхьарйаларна а бехке ву ГIизлара отделан начальник, эскаран старшина Вербицкий.

Теркан областан начальник,

Теркан гIалагIазкхийн наказной атаман,

инарла-лейтенант MИXЕEB

XIX корта. Зударшций, берашций тIом

ХIун йу Нохчийчоь? 250 эзар ламанан аьрзунан бен бу иза. Ша вайн цхьана уезддал йу иза, амма чувала меттиг боцуш, чIагIйина гIап йу иза…

Профессор П. И. Ковалевский

1

Зуламхойх, авантюристех, цIа-цIе доцуш бевлла лелачу нахах а, маларчех а вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядан ницкъ ца кхечира шена хьалха хIиттийна декхарш кхочушдан. Цара йарташ талайора, бехк-гуьнахь доцу нах бойура, лоьцуш, набахтешка кхуьйсура, амма Зеламха а, цуьнан обаргаш а байа йа леца ницкъ ца тоьура. Оцу тIехь вегира, йуьхьанца халкъан турпал вина, хестийна атаман Вербицкий.

Теркан областан а, Кавказан а администрацис кхин тактика, кхин стратеги лоьхура. Иза а, важа а каро царна гIо дира гIалгIаша вийначу Несара округан начальникан полковникан Митникан метта хIоттийнчу Андронниковс.

Полковник Андронников гвардин эпсар вара. Хиллера. Амма кхузахь цхьанна а ца хаьара иза гвардера мукъаваккхаран бахьана. Дукхахьолахь, гвардера дIабоху эпсарш йа маларе марзбелларш, йа кехатех ловзурш, йа кхахьпалла лелораш, йа эскаран долаллина къола динарш, йа доцца аьлча – оьздангаллех боьхна эпсарш хуьлура. Суьдах кIелхьарваккха лакхахь гергара хьаькамаш, доттагIий берг кхечу эскарехь гIуллакх дан вуьтура. Иштта суьдах кIелхьарваьккхина, Кавказерчу эскарехь гIуллакх дан кхуза хьажийнера эла Андронников.

Иза кавказхо вара. Кавказхо хилла а ца Iаш, нохчийн, гIалгIайн лулахо, гуьржи вара иза. Цунна дика хаьара ламанхойн гIиллакхаш а, амалш а. Зеламхина а, цуьнан обаргашна а хIун дийр ду ца хууш, областан администраци бIарзйелла хьийзаш, оцу балех иза кIелхьарйаккха шена некъ карийна аьлча, инарла Михеевс воккхавеш тIеийцира эла.

Граф Лорис-Меликов Теркан областан начальникан даржера дIаваьллачул тIаьхьа ткъе итт шо хан йаьллехь а, оцу хенахь хIокху даржехь масех стаг хийцавеллехь а, амма областан начальникан кабинета чохь xIapa бу ала хийцамаш ца хиллера. ХIетахьлера бустамаш даьхна когаш долуш, тIехула баьццара исхар тоьхна шуьйра, йеха стол. Иштта бустамаш дохуш хаза кечдина, лекха гIовланаш а, кIеда миндарш а долуш гIанташ. Пенах кхозуш империн, Кавказан, хIокху областан картанаш. Цхьа пен дIалаьцна безчу механ книгаш чохь йолуш, хаза йина шкаф. ЦIенкъахь стомма, кIеда персийн куз. Ткъе итт шо хьалха пенах кхозуш хиллачу Александр II суьртан меттана Николай II сурт а. Ткъе итт шо хьалха къона хилла кораш хьалхара дитташ а къанделлера.

Михеевс лерина ладоьгIура Андронниковн къамеле:

– Хьан локхалла, Зеламха а, цуьнан разбойникийн гIеранаш а, къуй а, талорхой а, кхиболу зуламхой а схьалеца йа хIаллакбан регулярни эскарш гIорасиз хилар хиъна вайна хIокху масех шарахь царна дуьхьал латточу къийсамехь. Обаргаш регулярни эскарш дац. Цара дуьненайукъахь тIеэцначу тIеман тактикица, низамца тIом ца бо. Обаргаш тахана цхьанхьа, кхана кхечухьа хуьлу. Цхьанхьа кIело а йой, вайн отрядашна тIетухий, вайна даккхий зенаш а дой, лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайлабовлу. Цхьана дийнахь цхьаьний дуккха а гулло уьш, шолгIачу дийнахь, дIасабаьржий, тIепаза бов. Царна лаьмнашкара массо некъ, чIаж, хьех, бIов, тарх йевза. ТIе, уьш халкъо, йоIбIаьрг санна, ларбо. Говрара воьссича, тIемало вац гIалагIазкхи. Ткъа лаьмнийн тархаш тIехула говраш ца лелало. Вайн салтий а лаьмнашкахь тIом бан Iамийна бац. Кхузахь йолахойх вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядо динарг а вайна хууш ду…

Михеевна дика бевзара гуьржий. Уьш хабарна тIера а, говза а бара. ХIинцале а сагатделла инарла стоьла тIера схьаэцна къолам пIелгаш йуккъехь хьийзо вуьйлира.

– Хьайн ойла йоцца йийцахьа, эла, – элира цо, собар а кхачийна.

Андронников кхийтира инарлин дагахь долчух:

– Суна хетарехь, хьан локхалла, Зеламхина дуьхьал ламанхойх пайда эца беза вай. Вешан эскарийн дакъошна йукъа нохчий, гIалгIай, хIирий, гIебартой, гIумкий, суьйлий, къаьсттана Дагестански регулярни полкера суьйлийн дошлойн бIо йукъаозийча, пайдехь хир дара аьлла, хета суна. Зеламхас царах цхьаъ вийча, бисинчара, цуьнан чIир йоькхуш, Зеламха а, цуьнан разбойникийн гIepa а хIаллакйийр йара.

Михеевн велар иккхира:

– Хьуна дика йевза ламанхойн амалш, хьомсара эла. Амма церан истори хьуна дика ца йевза, моьтту суна. И ахь схьакхийдо тактика керла йац. Иза дуьххьара Шемалан заманахь йукъайаьккхинера Кавказан администрацис. ХIетахь Шемална дуьхьал, йа нийсса аьлча, нохчашна дуьхьал дегIастанхойн, гуьржийн, кхечу ламанхойн отрядаш вовшахтоьхнера. Ткъа 1877-чу шарахь нохчийн гIаттам хьошуш, вайн эскаршца дакъалецира дегIастанхойн, нохчийн, гIалгIайн, хIирийн, гIумкийн йолахойн отрядаша. Бакъду, тIамна жигара бацара уьш, амма талорашна тIехь йоккха жигаралла гайтира цара.

– ХIетахь тIом бара, хьан локхалла. Ламанан халкъашца. Ткъа таханлера хьал шатайпа ду. Зеламха а, цуьнан гIepa а, Iедална-м хьовха, хIокху махкарчу дерриг халкъашна а зуламе йаьлла. Зеламха дийна йа вийна Iедална тIевалийначунна ахь берхIитта эзар сом ахча кхайкхийна. Ткъа xIapa ламанхой, къаьсттана – нохчий – оцу мехах шайн да-нана а духкур долуш бу. Цундела, хьан локхалла, ламанхой вайна гIоьнна йукъаозор, пайде хилар бен, зене хир дац, моьтту суна. Зеламхина а, цуьнан разбойникашна а тIехь мостагIаллаш ду. Церан чIирхошца болх а жигарабаьккхича, дика хир дара аьлла, хета суна.

– И болх а оха беш бу, эла. Зеламхин коьртах ахча кхайкхийна а дукха хан йу. Цхьа а ца карийна тхуна оцу ахчанах кхел кхочушйан резахилла.

– ХIинццалц Зеламхина дуьхьал йинчу операцешкахь зеделла, – дуьйцура Андронниковс, – кхузахь ша гатвича, иза шен гIеранца ДегIастанахь, ХIирийчохь, Хевсуретехь къайлаволуш хилар. Цига некъаш дIакъовла деза цунна. Суна хетарехь, и Iалашо кхочушйан тIеман ницкъаш бац Теркан областехь. Кавказан наместнике ДегIастанара а, Гуьржийчуьра а эскарш вайна гIоьнна дахкийтар ахь дехча бакъахьа хетара суна. Уггар хьалха дегIастанхойн дошлойн бIо а боьхуш.

– Дика ду, эла. Оцу хьан идейна тIехь ас ойла йийр йу.

– Хьан локхалла, суна Iаламат хазахетар ду, нагахь санна сан идея вайн йукъарчу гIуллакхна пайден хилахь. Aмма операци мухха чекхйалахь а, сайн сийлахь декхар лору ас лаьмнийн чIажашкахь лечкъаш, тешнабехкаца адамаш дойуш лела Зеламха боху и кIилло а, цуьнан разбойникийн гIepa а, чхьаьвригаш санна, хIаллакйар. И Iалашо кхочушйеш, сайн Iожалла хилахь, айса дуьненахь йаьккхина хан эрна хетар йац суна!

– Баркалла, эла, сан цхьа а тайпа шеко йац хьан лаам цIенчу даггара хиларх.

БIаьста а, аьхка а, хьаннашкахь дитташ тIеxь гIа долуш, операци йар хьехочохь а дацара. Оцу хенахь массо дитт а, колл а шатайпа чIагIо йара обаргашна. Цундела дитташ тIера гIa доьжначу, хьаннаш йерзина йевллачу хенахь генеральни операци йан кечам бира областан администрацис. Кавказан наместникаца барт хилира Михеевн.

1910-чу шеран 25-чу сентябрехь Зеламха къайлаваьллачу меттигашка, Iacca хин лакхенга а, Жайрах чIожахула хьала а, йеа агIорхула эскарш тIететтира. БуритIара схьа – Апшеронски полкан рота а, саперийн взвод а, Веданара а, Соьлжа-ГIалара а схьа – дегIастанхойн дошлойн бIо а, полицин дошлойн бIо а, пулеметийн рота а, Ширвански, Самурски полкийн ши рота а. Тифлисера схьа Тионетски уезде гренадерийн батальон хIоттийра, Телавера схьа Маьлхаста йалийра драгунийн эскадрон а, цIеххьана миччахьа а кхосса лерина отряд а, пурстоп коьртехь стражникийн, полицин отрядаш а.

Зеламхин жимачу тобанна дуьхьал операцехь дакъалоцуш ши эзар сов салтий, гIалагIазкхий, суьйлий, гуьржий бара, шайца цхьаьна пулеметаш а, ламанан масех йоккха топ а йолуш…

2

Йалх шо дара Зеламхин доьзална шайн йурт Хорача ганза. Цо тоххара дог диллинера цунах. Цхьа Делан къинхетам хилла, йуьрта дирзича а, кIелхIотта тхов а ма бац церан. ЦIенош а, гIишлош а йогург йагийна, цайогург йохош, херцийна стражникаша. Бешана гонахара керт а ширйелла, кIез-кIезиг херцаш, охьа а йеттайелла, йахкайелла. Дола дан да воцуш йисина беш а къух даьлла лаьтта. Цхьадолу стоьмийн дитташ а, хIокхаьргарчу балин чIир кхобуш санна, дакъаделла. Церан долахь хилла даьхни а цхьадерш дoьxкинa, кхидерш гергарчарна дIадекъна. Церан цIенош хиллачохь лаьтташ кIуьрзо, куьрк санна, Iарждина пенаш бен дац, боху.

Ткъа хIара бархI адам – ши зуда а, йалх бер а – нехан хIусамашкахь буьйсанаш йохуш, сагIадоьхургаш санна лела. Дера, хIорш тIебуьссу, хIорш тIелоцу хIусамдай дика адамаш ма ду. ХIокхарна там бан ма гIерта уьш. Шаьш ца буий а, хIокхарна тоьлла кхача латто, шаьш цIенкъа буьйший а, хIорш кIедачу метта охьабийшо ма гIерта. ХIокхеран бераш хьоьсту. ТIаккха хIокхарна эхь ма хета хIусамдайх. Шайн бераш дилхича а, ловзадевлла гIовгIа йаьккхича а. TIе, хIорш тIелацар кхераме а ма ду. Iедална хиъча, хIусамда, лоций, Сибрех ма вохуьйту. Цкъацкъа берриг а доьзалца цхьаьна.

Мохьмадана а, Iумар-Iелина а, Лом-Iелина а хIун йу а ца хаьа Хорача. Уьш а, Ахьмад а цигахь а ца бина. ХIокху лаьмнашкахь маьI-маьIIехь дуьнен чу бевлла. Муслиматана а, Энистана а гIенах санна дагайогIу шаьшшиъ йина йурт. Цхьацца суьрташ дагахь дисина. Лулахойн шайн хенара бераш а, шаьшшиъ цаьрца левзина меттигаш а. Къаьсттана шайн цIенна гена доццуш, лекхачу ломах охьа, тIулгашна тIехула кхийсалуш, сетташ, хьийзаш догIу сирла татол. Цунах «ЙоьIан чIаба» олура наха.

ХIокху йалх шарахь дукха меттигаш йевзина Зеламхин доьзална. ЧIебарлахь, Органан а, Iассан а лакхенашкахь. Дукха хIусамаш хийцина цара. БIаьвнаш чохь а, тIулган хьехаш чохь а, жан гIотанашкахь а буьйсанаш йаха дезна. Оцу халчу дахарх боьлла уьш. ЧIебарлахь болуш Соипа дола дора церан. Масех шо хьалха салташа лаьцна Соьлжа-ГIала вуьгуш, Зеламхас кIелхьарваьккхинчу гатийуьртахочо. ХIокхарна ахьар а, дакъийна жижиг а, даьтта а, кIалд а, нехча а латтайора цо. ХIорш ЧIебарлара дIабевлча, наггахь вогIура. ХIинца, хIорш гIалгIайн махка гена бевлча, вогIучуьра сецна.

 

Шо гергга хьалха Зеламхица хIокхарна тIевеана Бийсолта. Иза жима ву хIинца а. ПхуьйтталгIа шо бен дац цуьнан. Делахь а, мел жима велахь а, шайца боьрша стаг волуш сапаргIат хуьлу ши зуда а, бераш а. Бийсолтас дийнахь а, буса а ха до царна. Белшах тесна топ лаьттах текха цуьнан. Турмал а хуьлу коча тосий, некха тIехь кхозуш.

ХIинца Маьлхастахь бу хIорш. Йуьртахь бац. Гена лаьмнашкахь, ширачу шина бIаьвна гонаха даьхни кхобуш бехачу маьлхийн масех доьзалехь туш карийна царна.

АрентIе вахана селхана цIа вирзинчу хIусамдас хабар деара хIокхарна, Зеламха лаца гулдеш эскарш ду аьлла. Иза-м дуьххьара а дацара. Зеламхина а, хIокхарна а тIаьхьа эскарша толлу итт шо ду. Делахь а Бийсолта сакх, сема хила веза. Сийсара набарна ши бIаьрг тIеттIа ца бахана цуьнан. ХIорш охьабийшина Iохкуш, кора кIел цхьа шах-ших хезна, топ йуьйлина, ларлуш ара а ваьлла, цIийнан го теллира Бийсолтас. Амма арахь цхьа а ца карийра цунна.

Зеламха волу меттиг ца хаьара царна. Иза доьзална тIеваза бутт сов хан йаьллера. Нагахь салтий схьагIортахь, Бийсолте хIара зударий а, бераш а ларлур ма дац. Цо Деле доьхура ваша шайна тIекхачавахьара бохуш.

Беци а, Зезаг а, шайгара баланаш бицбан гIерташ, цхьацца болх беш хуьлура. Шаьшшиннан а, берийн а бедарш летош, йуьттуш. ТIергIан тайх пазаташ, каранаш дуцуш. Дукхахйолу хан хIусамдайн гIуллакхаш деш йоккхура, цара мел дуьхьало йарах а.

Зеламха цIеххьана кхечира. ХIусамдайшца а, лулахошца а тIекаре а йина, маравоьллина Лoм-Iела а хьистина, тIаккха шайга рагI кхачаре хьуьйсуш лаьттачу шен берийн кортойх куьг хьокхуш, чекхвелира иза.

– ТIаккха, шун гIуллакхаш муха ду? – хаьттира цо Беце, Зезаге.

Зеламхина дика хаьара цаьргара хьал. ХIетте а хоьттура. Цхьаъ аьлла, къамел доло ма дезара. Бецин бIаьргаш, догIанан мархаш санна, кхоьлира. Амма шен дагара ца хаийта гIоьртина, халла балдаш озийна, йелакъежира иза.

– Хьо могаш-дийна хилчахьана, дерриг а дика ду. Хьуна сагатдо оха. Хьо лаца эскарш гулдеш ду аьлла, хабар кхаьчна тхоьга…

– Итт шо ду со лаца цара эскарш гулдо. Ткъа со могаш-маьрша лела. И хьакхарчий гуллуш йу алий, са ма гатделаш. Бераш сиркхонаш ца лехьош дуй?

– Ахьмад, дагар долуш, масех дийнахь цомгаш Iиллира, – элира Зезага. – ХIинца гIоли йу цунна.

– Кхачанца муха дохку шу?

– Кхузарчу наха цхьа а хIума эша ца дуьту тхуна. Ахьар, дама, жижиг, шура, даьтта, кхиерг а латтайо.

– Дала къобалдойла церан сагIа!

Зударшца, берашца тIекаре йинчул тIаьхьа Бийсолтица шецца къамел хилира Зеламхин. И шиъ цхьана дена вина велахь а, йуьхь-сибат а, амалш а цхьатера йацара цаьршиннан. Зеламха лекха а, лоха а воцуш, дуьзначу йуккъерчу дегIара вара. Шуьйра, охьахьаькхна белшаш, деха пхьаьрсаш, стаммий пIелгаш долу даккхийро куьйгаш. Коьрта тIера месаш а, маж-мекх а Iаьржа дара. Йуьхь – лахахь гатлуш йеха, нийса мара, жугIара бIаьргаш. Царна тIехула – аьрзонан тIемаш санна сеттина, даьржина, месала Iаьржа цIоцкъамаш. Аьрру бIаьрг, леррина тидам бича, вукхул жимо хеталора.

Бийсолтин йуьхь-сибат хаза битамаш болуш дара. Шуьйра белшаш, горга йуьхь, боьмаша коьртан месаш, нийса цIоцкъамаш, сийна бIаьргаш, лекха хьаж. Хабарна тIера вацара иза, къамел паргIат а дара цуьнан.

Бийсолтас дийцира сийсара хилларг. Зеламхас иза забарехьа даьккхира:

– Ас ца бехира хьоьга, обарг лела хьо жима ву? Обарг шина кога тIехь борз ма йу. Ткъа хьо хIинца а берзан кIеза ду, бехирий хьоьга? Ахь соьга ла ца дуьйгIира. ХIинца дерриг а лан деза ахь. ЧIирхой а богIур бу, салтий а богIyp бу. Шайн аьтто нислахь, хьо вуьйр а ву. Амма хьо даим а сема, сакх хила веза. Борз санна. Ларвала а, тIелата а. Делахь а кхера оьшуш хIумма а дац. Шу мичахь ду, ца хаьа Iедална. Вайн чIирхой а кхуза гIертар бац. Жимма а шеко йолуш хIума хилахь, со вогIур ву шу лардан.

Бийсолте са а доIуьйтуш, кхаа буса ха дира Зеламхас. Нагахь санна Бийсолтина хезнарг стеган тата хиллехь а, оцу кхаа буса арахьара адам ца деара кхуза.

3

Доьзалца кхо де-буьйса а даьккхина, шен чухулара бедарш а хийцина, ша кест-кеста схьавогIур ву аьлла, дIавахара Зеламха. Бийсолта йуха а ша висира шина зудчуьнца а, йалх бераца а.

Масех де делира, цхьаммо а хIокхеран са ца гатдеш. ТIаккха цхьана дийнахь кхуза веара Зеламхин хьаша маьлхи Элбарт. Цунах бIаьрг ма-кхийтти, хиира хIокхарна иза хазахетар дохьуш ца веанийла. Элбартан йуьхь кхоьлина йара, бIаьргаш чохь гIайгIа гора. Иза цхьаьннан а йуьхьа дуьхьал ца хьожура. Хьал-де а хаьттина, ша деанарг ала ца хIуттуш, цхьацца хабарш а дийцина, эххар а элира цо хIорш кхоьрург.

– Салтий бу кхуза богIуш. Кхаа агIорхула. Кхузара дIадовла деза шу…

– Тхо мича гIyp ду хIокху шоьлах? – цхьатерра маьхьарий девлира Бецин а, Зезаган а.

Муслиматан а, Энистан а йелхар иккхира. Зеламхас цаьршиннах Меди а, Эни а олура. И цIерш а йохуш, и шиъ хьаьстира Элбарта:

– Меди, Эни, шуьшиъ хIунда йоьлху? Со ма ву шуьца! Ма кхера.

Ши йоI дIатийра, бIаьргех буйнаш а хьоькхуш.

– Кхераме хьал хIоьттича, шу къайладаха тIаьхьалонна йитина масех меттиг йу лаьмнашкахь…

– Йалх бераца тхо муха гIур ду цига, Элбарт?.. Кхузахь Ia ма доьлла, ло ма диллина… Кхин лакхахь ло алсам хир ма ду… Iаьнан духар а ма дац берийн…

– Дера, хаац суна-м, Беци, кхузахь цхьана дийнахь дисар а кхераме ду-кх. Шуна бохам хилахь, ас Зеламхина хьалха жоп дала ма деза. Шу сох а тешийна ма дитина цо. Вешан кхоллам Делан кара а белла, новкъа девр ду вай.

Ши зуда йоьхна хьийзара.

– Къамел стенна дахдо? – аз айдеш, вистхилира Бийсолта. – Салтий схьакхачахь, хIун дан деза? Чехкка новкъа довла кечам бе!

Уггар хьалха бераш кечдира шина зудчо. Ишттачу денна Iалашдеш шатайпа довха духар дара церан. Шина йоIана кхакханан йовха кетарш, даккхий корталеш, лекха бертигаш йолу калош. Мохьмадана а, Лом-Iелина а гIовталш, чоэш, неIармачаш. Бумазин хечеш, массарна а тIергIан пазаташ а, каранаш а.

Шайца дIайахьа йеза сал-пал кIезиг йара церан. Цхьанхьара кхечухьа кхелхаш, шайна мохь ца бан, уггар оьшург схьа а оьций, йуьтура. ХIинца а изза дира цара. Текх-цаца, оьшшучул кад-Iайг, цхьа гирда ахьар, бедарш таьлсашна а, гали чу а йоьхкина, говрана тIеехкира. ТIаккха Iумар-Iела а, Ахьмад а шина зудчо ги а воьллина, новкъа бевлира уьш.

Цкъацкъа, ламанан басенца сетташ, хьийзаш, цкъацкъа, нийсса хьала, тIаккха, нийсса охьа чу хуьлура готта некъ. Цхьацца меттигаш нислора, лакха тIера охьахьаьжча бIагор а богIуш, ког шершина, галваьлла, бердах чуваханчун лахьо даьIахк а карор йоцуш. Цхьаццанхьа гоьллелц дoгIypa ло, кхечахьа – ког ца соцуш шаш. Говран урх лаьцна, сих-сиха хийцалуш, лайлахь некъ боккхуш, хьалха воьдура Элбарт а, Бийсолта а. Царна тIаьхьа – ши кIант гихь Беци а, Зезаг а. Цаьршинна тIаьхьа Муслимат а, Энист а. Массарна а тIаьхьа – Мохьмад а, Лом-Iела а.

Ши чаккхарма некъ бича, кIадделира бераш. Уьш сих-сиха садаIа соьцура. Кхерамечу меттигехь, куьйгаш лоций, цхьацца чекхдохура уьш Элбарта йа Бийсолтас. Гихь ши кIант волу Беци а, Зезаг а кIадйеллера, цара шайн дагара ца хаийтахь а. Кхин хIун дийр ду а ца хиъна, говра тIера цхьайолу йийбар дIa а кхоьссина, таьлсийн шина оган чу Iyмap-Iела а, Ахьмад а хаийна, важа диъ роггIана говра а хаош, сарале кхин а цхьа чаккхарма некъ бира цара. Буса некъ бар хьехочохь а дацара. Гобаьккхина лекха лаьмнаш долуш, цхьана жимачу тогIехь, мох ца кхетехь цIе а латийна, буьйса йаккха севцира уьш.

Лаьмнашка хьала мел довлу некъ хала хуьлура. КхоалгIачу дийнахь лекхачу лома кIел кхечира уьш. Цунна тIе хьалаболуш, атталла, гIашлойн некъ а бацара. Хьалха дIадаха а, йуханехьа дерза а аьтто боцуш хьал хIоьттира цаьрга. Цхьадика, гена йоццуш хьех карийра, xIopш парггIат чутарлур болуш. Элбарта а, Бийсолтас а, дечиг а деана, цIe латийра. Адамаш чудаьхкича, меттахдевлира хьехан тховх летта кхозу бирдолагаш. Кхерам туьйсуш, зIакарш хьекхайора бухIанаша. ХIокхеран ирсана, хьехан цхьана маьIIехь стомма чкъор деш йаржийна йекъа буц карийра. Берашна бекъа кхача а баийна, цIарна гонаха буц а йаржийна, уьш охьадийшийра цара. ТIаккха шаьш кхачанах а кхетта, садаIа охьабийшира баккхийнаш а.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37 
Рейтинг@Mail.ru