– Тамашийна хIyмa ду-кх иза! ХIинццалц схьа шен дош кхочушдина цо…
– Кхузахь цецвала хIумма а дац, господа. Шуна и Зеламха турпал ву моьттура, ткъа иза, ас цуьнга дIа ма-аллара, кIилло баба йу.
Ша и аьшпаш буьттуш, цуьрриг а йуьхь а ца цIийлора Вербицкийн.
3
Вербицкийн отрядана хьалха хIоттийна коьрта Iалашо Зеламха а, цуьнан обаргаш а схьалецар йа хIаллакбар, Зеламхин доьзал йийсаре балор йара. Амма цхьанна а ца хаьара, Зеламхин доьзал мичахь бу. Iacca-хин лакхенца, лаьмнашкахь бу, олура агенташа. Ткъа и лаьмнаш мел дукха ду цигахь. Лекха а, лоха а. Даккхийнаш а, кегийнаш а. Хьаннаша дукъдина а, баххьаш тIера цкъа а ло, ша дIа ца болуш а. Лаьмнашна бухахь – бIеннаш хьехаш. Жимо йурт чу а тарлур йолуш. БIеннаш бIаьвнаш. Ког когах кхетта а, галваьлча, охьа чувоьжча, лахьо даьIахк а карор йоцуш, лекхачу торхашца гIашнекъаш. Цигахь муха карабо обаргаш? Ткъа уьш дагахь доцчохь хуьлу. КIело а йой, тIе а йеттий, салтий а бойъий, къайлабовлу. Нагахь шегахь дуккха а патармаш делахь, цхьанхьа аьттонехь кIело а йой, цхьана стага мел йоккха а отряд хIаллакйийр йолуш. Ткъа хууш ма ду, и обаргаш, майра хилла ца Iаш, Iаламат говза иччархой хилар.
Цундела, ша цхьанна ца тосадалийтахь а, Вербицкий кхоьрура отрядаца лаьмнашкахь операци йан. И кхерар тIе а алсамдаьллера цуьнан кехатана дуьхьал Зеламхин жоп деача. Цхьацца эпсарша бегаш бечуха олура цуьнга, оцу кехатца ахь-айхьа хьайна Iожаллин кхел йина. Амма йухаволийла а дацара. Оцу дерригенан ойла йеш Вербицкий лелачу хенахь, ши де хьалха БуритIахь, областан начальникан канцелярехь иза цхьаьнакхийтира Ведана округан ханна начальникца капитан Дудниковца.
Таллархойн ханна отряд кхолларца округийн начальникашна тIера дIа ца долура шайн округашкахь зуламхошца къийсам латтор. Церан декхар дара, хьалха санна, шайн округашкахь зуламаш совцо а, Iедал чIагIдан а, низам латто а. Ткъа обаргийн бен лоручу Ведана округан начальникан болх а, декхарш а, жоьпалла а кхечерачул алсам дара. Хорача экспедици йинчу хенахь нах лебеш, цхьана хорачочо Дудниковна йийцинера Зеламхин доьзал болу меттиг. Кехат тIехь шена ма-хуъу оцу меттиган карта а хIоттийнера хорачочо. Цо дийцарехь, Iacca-хин лакхенца, лаьмнашкахь, жимачу тогIехь масех цIa долуш гIалгIайн кIотар йу, йуккъехь лаьтташ лекха ши бIов а йолуш. Iacca-хица чIожахула цига бoгIy некъ ца хаьара цунна. Лаьмнашкахула, гIашнекъашкахула ваханера иза цига. Хорачочо тешийра Дудников кест-кеста Зеламха цига шен доьзална тIевоьдуш хиларх.
Нагахь санна аьтто нислахь, Зеламха схьалацар, иза ца лацалахь, цуьнан доьзал йийсаре лацар массерачул а хьалха шен декхар хетара Дудниковна. Амма лаьмнашка и кхераме экспедици йан тIеман ницкъ бацара цуьнан. Ведана-гIопехь салтийн рота а, ах бIе стражник а вара. Салтийн рота цигара дIайаьккхича, гIап йерзина йуьсура. Цу тIе, цхьана ротица лаьмнийн кIоргене ваха Iаламат кхераме а дара. Областан начальникан гIоьнче, эла Орбелиане, шен къайле а йийцина, Iассан лакхенга экспедици йан шена гIo дийхира Дудниковс. Таллархойн ханна отряд Вербицкийн куьйгалли кIел йу, цунна омра дала шен бакъо йац, цуьнца айхьа барт бехьа, элира Орбелианис.
БуритIахь ресторанехь делкъе йеш шаьшшиъ цхьаьнакхетча, Вербицкийга шен бала балхийра Дудниковс.
– Суна цхьанна хаьа Зеламхин доьзал болу меттиг. Амма цига экспедици йан тIеман ницкъ бац сан…
– Мел салтий бу хьан гарнизонехь?
– Цхьа рота.
– Ахь схьалеца безарш пхийтта шо кхачаза кхиазхо а, ши зуда а, йалх бер а бен дуй?
– Дац. Йерриг а рота гIопера дIайуьгийла ма дац сан. Ах рота-м йуьгур а йара.
– ХIета хьуна, ахь дийцарехь, полк йеза.
– Зеламха а, цуьнан гIepa а схьалаца суна рота салтий шортта тоьур бара, Григорий Николаевич. Уьш тIеман низамца дуьхь-дуьхьал а хIиттина, леташ хилча. Ткъа церан тактика а, стратеги а хьуна дика ма йевза. Экспедицехь дакъалоцуш алссам тIеман ницкъаш суна безаран шатайпа мaьIнa ду. Зеламхина а, цуьнан гIеранна а гIo деш болу бахархой кхеро оьшу суна уьш. Со кхетарехь, хIара операци вайн массеран а йукъара декхар а, йукъара гIуллакх а ду, Григорий Николаевич. Iассан лакхенга операци йеш цхьаьнакхета вайша? Сан ах рота салтий, хьан – рота салтий а, гIалагIазкхийн бIо а. Операци тIехь куьйгалла ахь дийр ду. Суна хастам ца оьшу. Коьртаниг операци кхиамца чекхйалар ду.
Вербицкийс дукха ойла ца йира. ХIара капитан Дала ваийтинера цунна. Экспедици кхиамца чекхйаларан гIуллакх шеконехь ду. Экспедицина коьрте Вербицкий хIоьттича, эшаман жоьпалла цунна тIехь дуьсу. Дудниковна гIo дича, Вербицкий шен декхар кхочушдинарг хир ву. Экспедицин кхиамаш хилахь, хастам а цунна, Вербицкийна, буьсу. Амма иза шеконехь ду. ТIе, ши отряд цхьаьнатоьхча, эпсарийн барт а хир бац. Йазделларг хир цунах. Вербицкий оцу зIуганийн бена а ца воьдуш, хаза гIуллакх хир ду цунах!
– Ас рота салтий а, гIалагIазкхийн бIо а лур бу хьуна, капитан, – элира цо, шена дегаза ду а моттуьйтуш. – Куьйгалла сайна тIелоцур дац. Сан декхарш, болх дукха а, хан кIезиг а йу. Хьуна гIоьнна сайн отрядера уггар дика кхо эпсар а лур ву. Сан гIоьнча Григорчук а, подъесаулаш Медяник а, Вертепов а.
Оцу тIехь барт хилира шина эпсаран.
4
Тарски станицехь цхьаьнакхетта Дудниковн а, Григорчукан а ши отряд май беттан бархIалгIачу дийнахь Iасса-хин чIожахула хьала, къилбехьа, Борахчу-лома новкъа йелира.
Станицехь дууш-молуш, кхаа дийнахь сакъийрина гIалагIазкхий а, салтий а лозучу кортошна дарбанна а, шайна хьошалла лелийначу станичникийн могашаллина а тIера Iуьйранна чIагIар а мелла, дика самукъане бара. Шишша цхьаьна а хIоьттина, беха мoгIa бина богIучу гIалагIазкхаша, станицел арабевлча, йир йолийра. Ткъа гихь маххьаш долу салтий хIинцале а хьацар даьлла, кхоьруш, цеце гондIа бIаьрг а бетташ, царна тIаьхьа богIура. Отрядера эпсарш, говрашкахь шишша цхьаьна а хIоьттина, вовшашца лохха къамелаш деш, забарш йеш боьлуш а хьалха боьлхура.
Кхузара мохк Iаламо кхелина хан йара xIapa. Хьалха дIахьаьжча, баххьашна тIехь ло долуш, тIе мархаш хьаьрчина лекха лаьмнаш гора. Герггахь, церан когашкахь, – баьццара хьаннаш. Некъана шиний aгIop хьаьрмаш тIехь дежара даьхни. Некъан йистошца – бес-бесарчу зeзaгaша кхелина аренаш, зазаша къарзйина хьаннаш. Кхаш тIехь хьаьжкIашна асар доккху бахархой, отряд гучуйаьлча, болх йукъах а боккхий, некъана гена бовлура. Ворданахь вогIург а старана сараг бетташ, хьуьна чохь йа кхаш тIехь къайлавала гIуртура. Мухха делахь а, некъаца коьллашкара олхазарш а дIауьдура, отряд гepгa гIоьртича.
Станицина масех чаккхарма генайаьлча, шен «болх» дIаболийра отрядо. Урядник Тонкогубов коьртехь а волуш, ши-кхо чаккхарма хьалха йоьду разведкин жима разъезд варшахь, некъо голатуххучохь, цхьана гIалгIачунна тIеIоттайелира. Йуккъерчу дегIахь, йехо йуьхь, лекха хьаж, хаза тодина Iаьржа, дуткъий мекхаш долуш, ткъе пхи шо хенара жима стаг вара иза. Коьртахь Iаьржачу холхазан лоха куй, боьмашчу машийн чорда чоа, йукъах дихкина кхелина шаьлта а, доьхка а, aгIoн тIехь хумпIар чохь револьвер а йара цуьнан. Пхеа гIалагIазкхичо, гo а бина, тIе тоьпаш а лаьцна, герз схьадийхира цуьнга.
Къоначу гIалгIачун коьртехь цхьана минотана ойла хьаьвзира. Иза Сурхохера вара, Экажеве ловзарга воьдуш. Шаьлта-м дIалур йара цо, иза-м цуьнан шен йара. Амма тапча цуьнан йацара. Ловзарга воьдуш, доттагIчуьнгара йехна йаьккхинера цо иза. ГIалагIазкхашка тапча дIайелча, доккха эхь догIу цунна тIе. ТIаккха ловзаргахь, синкъерамехь, шовданан коьртехь, пхьоьханахь нахана йукъавийла, мехкаршна хьалха хIуьттийла хир дац цуьнан. Дуьхьал схьа ца алахь а, xIapa сийсазвеш, тIаьхьашха хабарш дуьйцур ду. Нахана йукъахь, аз айдеш, дош ала бакъо а хир йац. И эхь тIелоцучул, кхузахь валар гIоли йу цунна. XIapa Делан мостагIий пхиъ ву, ткъа цуьнан тапчи чохь вopхI патарма бу. Велург вийна, варша иккхича, кIелхьарвер ву иза. Хьалха тIетоха погонаш тIехь билгало йepг къастийра цо.
Йуьхьанца тапча дIа ца луш, дикка йухагIиртира иза. ТIаккха, ша вийна а цара иза дIайоккхург хиларх кхетча, хумпIара чуьра схьайоккхуш, меллаша зIок кIегар а хаийна, хьалха урядникана, йуха цунна уллорчу гIалагIазкхичунна цIеххьана тапча а тоьхна, кхоссавелла варша а иккхина, цигара схьайетта вуьйлира иза. Патармаш чекхдевлча, дIавада гIоьртина иза, пханаршна йуккъе топ тоьхна, вожийра.
Герзаш дуьйлуш хезча, говраш хаьхкина схьакхечира гIалагIазкхийн бIо.
– ХIун хилла кхузахь? – хаьттира Григорчука, чевнаш хилла охьавиллина ши гIалагIазкхи гича.
– Кхузахь цIеххьана цхьана разбойникана тIенисделира тхо. Цо тешнабехк бина, хIокху шинна герз туьйхира…
– Мичахь ву разбойник?
– Варшахь Iуьллу, – корта дIатесира гIалагIазкхичо.
Говрара чу а воьссина, урядникан Тонкогубовн чевне а хьаьжна, реза воцуш корта хьовзийра Григорчука. Дог долччу некхах кхетта дIаьндарг тIехьашха ара ца йолуш, чохь йисинера. ШолгIачу гIалагIазкхичун чов кхераме йацара. Цунна, даьIахках ца хьакхалуш, белшах чекхйаьллера дIаьндарг.
ТIаккха вийна варшахь Iуьллучу гIалгIачунна тIевахара капитан. БIаьлланган кулла йуккъе йуьхьарвахана Iуьллура иза. Цо буйна къевлина тапча, пIелгаш даьстина, схьа а йаьккхина, шен кисана йоьллира Григорчука. ТIаккха гIалгIачун йукъахара шаьлта а, доьхка а схьадаккха аьлла, гIалагIазкхашка омра а дина, цигара дIавелира. Вукхара Iуьллучунна тIера куй, чоа, когара эткаш а цхьаьна схьайехира.
Чов хилла ши гIалагIазкхи вордан тIе а виллина, хьалха дIайахара отряд. Сурхохе кхаьчча йуьртда тIе а кхайкхина, чевнаш хилларш Тарски станице бигар цунна тIедиллира Григорчука. Вийна гIалгIа Iуьллу меттиг а йийцира.
Iacca-хица хьала отряд чIожа йоьлча, хьалха йоьдучу разъездана ши гIалгIа дуьхьалкхийтира. Цхьаъ шовзткъа шо хенара, важа – сирвелла воккха стаг. Къоначуьнгахь берданга топ йара, воккхачу стеган белшах тийсина – машин таьлсаш. Разъездо топ схьайехча, кочара схьа а йаьккхина, ша иза дIало а моттийтина, тоьхна гIалагIазкхи вийра. ГIалгIа шолгIа тоха кхиале, цхьаммо топ, вукхо тур туьйхира цунна. Белшаш тIера таьлсаш охьа а тийсина, воккха стаг йуханехьа новкъахула хьалаведира. Некъана йуьстахъиккхина кIелхьарволийла а дацара цуьнан. Шиний aгIop нийсса ирахь лекха тIулган бердаш дара. Шена топ ца кхетийта, готтачу некъан шоралла дIасахьийзаш, ницкъ ма-кхоччу дIауьду иза ткъех гIулч гена валале тоьпаш тоьхна вожийра.
Цхьана сохьтехь некъ бича, шайна дуьхьал нисвелла ши гIалгIа, къамел ца деш, тоьпаш тоьхна вийра гIалагIaзкхаша.
5
Капитан Дудников, ша къиза велахь а, законаш а, тIеман низам а лоруш, цхьа а тайпа хьийзораш йоцуш, уьш лардеш, кхочушдеш стаг вара. Герзаца дуьхьало йина ши гIалгIа верна-м ала хIумма а дацара цуьнан, амма карахь герз а доцуш, цхьа а тайпа дуьхьало йина а воцу машаре кхо гIалгIа верна реза вацара. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара Iожаллех кIелхьарвала гIерташ, некъан шоралла дIасахьийзаш, шен ницкъ ма-кхоччу уьду къена гIалгIа.
– Капитан Григорчук, и тайпа къизалла хьайгара кхин ахь йолуьйтур йац аьлла, хета суна, – элира цо говрахь шена уллохь вогIучу Григорчуке.
Дудниковс аьллачух ца кхеташ, цецваьлла цуьнга дIахьаьжира Григорчук.
– Ахь хIун къизалла йуьйцу, капитан?
– Бехке доцу адамаш дайар.
– Цара цхьа гIалагIазкхи вер, кхаанна чевнаш йар бехк ца лору ахь? TIе, урядник Тонкогубов велла хила а мега.
– Герзаца дуьхьало йинарг а, гIалагIазкхи вийнарг а, кхаанна чевнаш йинарг а ши гIалгIа ву. Вукху кхаангахь герз а дацара, цара дуьхьало а ца йинера. Царах цхьаъ хьан ден ден хенара къена стаг вара. Цунна а тохийтира ахь!
– Сайн омранах дош ас айсса лур ду.
– Хьоьга жоп а доьхур дац, ахь жоп а лур дац. Ахь тешаш ма ца битина. Хилларг хилла даьлла, иза нислур дац. Амма кхидIа сан бертахь бен омра ма лолахь.
– Господин капитан, – кIоршаме вистхилира Григорчук. – Сайн гIалагIазкхийн бIона а, салтийн ротина а омранаш луш кхузахь со цхьаннах а дагавийла ца оьшу, моьтту суна. Сан цхьа хьаькам ву – Вербицкий. Иза воцчохь со сайна хьаькам ву.
– ХIокху операцин куьйгалхо а, хIокхуьнан тIаьхьалонах жоп дала дезарг а со хилар ахь а ма дицделахь, капитан!
Григорчукан морзгалша къарзйина йуьхь кIайелира.
Оцу хьалхарчу дийнахь цаьршинна йукъайаьхкина галморзахаллаш шолгIачу дийнахь йуха а дIайуьйлайелира. ХIинца тIеман кхеташонехь. Отряд хьалха тIекхача йезарг гIалгIайн кIотар ЦIopxe йара. Дудниковс шен агентурехула хьалххе гулбинчу хаамашца, оцу кIотарахь, Габис цIе йолуш, цхьа стаг вара, Зеламха кест-кеста тIевуссуш. Дудниковс Iалашо хIоттийра, кIотарна цIеххьана го а бина, цIийнах а хьовсуш, герз схьадаккха. Цигахь Зеламха хила а, иза вацахь, обаргаш хила а тарло, бохура цо. Григорчук дуьхьал вара. Дудниковн план кхочушйан доьлча, цигахь де дайа деза, бохура. ТIаккха отряд кхуза кхачар лаьмнашкахь даьржар ду, обаргийн гIepaнаша, цхьаьна а кхетта, кIелонаш йеш, тIелеташ, отрядана зенаш дийр ду. Цундела, иза ца хилийта, цIеххьана кIотарна тIе а летта, цигара боьрша нах лецна, отрядаца дIабига беза, цаьрга лаьмнашкахь эладита ца даржадайта.
Дукхахболу эпсарш Григорчукехьа бевлира.
Ах бIе гергга цIа долу ЦIорхе Iacca йистехь, ломан басенца йаьржина, Iуьллура. Кхузара цIенош тайп-тайпанчу коьчалех дина дара. Пенаш тIулгех дуттуш а, буьйдачу кибарчигех а, серагех дуьйцина тIе поппар хьаьхна а. Наггахь тхов герагца къевлина, дукхахдерш тIе латта тесна а. Цхьадолу цIенош тIе ворда йахалуш гаттий некъаш дара, дукхахдерш – гIаш бен тIе ца вахалуш.
Авангардехь богIу гIалагIазкхий кIотаран гаттийчу урамашкахула дIасабаьржира, цхьа а Iалашо йоцуш тоьпаш а йетташ. Цхьаболчара баттара даьхна тарраш лестадора, маьхьарий а хьоькхуш. ТIаьхьа тIекхиъначу салташа мосазза а пулемет туьйхира кIотарна тIехула. КIотарахь зударийн а, берийн а маьхьарий, цIогIанаш хезара. Шаьш хIун до а ца хууш, керташкахула, урамашкахула ида боьлла уьш, божарша човхийна, цIенош чу а лаьхкина, дIалевчкъира. ГIалагIазкхашна а, салташна а тIекхийсалуш, дарделла летара жIаьлеш. Уггар къармазенаш тарраша а, дIаьндаргаша а дIатедора.
Шина цIа чуьра цIеххьана схьатоьхначу тоьпаша масех салти а, гIалагIазкхи а вожийра. Оцу шина цIенна тIе масех минотехь пулеметаш а йиттина, гIишлошна, дитташна тIехьа а лечкъаш, уьдуш, текхаш, тIебаха гIоьртира салтий. Амма цIенош чуьра схьа нийса йеттачу тоьпаша уьш улло ца буьтура.
КIотара чу а ца воьдуш, йисттехь, комарийн къеначу дитта кIел тергаман меттиг а лаьцна, цигара дIа операцина тIехь куьйгалла дора Дудниковс. Агенташа шега дийцина Зеламха тIевуссуш долу цIа муьлха ду, ца хаьара цунна. Лаьцна цхьа гIалгIа шена тIе а валавайтина, цуьнга иза дийцийтира цо. Чуьра схьа герз деттачу шиннах цхьаъ хиллера иза.
Ломан басешкахь, гаттийчу, гомачу урамашкахь говраш тIехь лела хала а, кхераме а хиларна, гIалагIазкхаша шайн говраш, кIотарна йисте а йигна, кертех дIа а йихкина, уьш ларйан ши гIалагIазкхи хIоттийра. Цхьана цIа чуьра схьадетта герз сецча, гIаш бевллачу гIалагIазкхашца цунна го бира Григорчука. ЦIа чуьра схьа герз тухий хьовса корашкахула чу тоьпаш йиттира цара. Амма цIа чуьра схьа топ ца туьйхира. Григорчука ойла йора: «Къайллах арабевлла, бахана-те уьш? Йа байъина-те? Йа патармаш кхачийна-те? Йа цхьана хIилланна дIатийна-те?» Дикка ойла йинчул тIаьхьа цунна дагадеара кхузарчу бахархойх цхьа-шиъ цIа чу вахийта. Сихха ваханчу гIалагIазкхичо луларчу цIеношкара воккха стаг а, зуда а далийра. Нохчийн мотт хуучу гIалагIазкхичун гIоьнца оцу шинга омра дира Григорчука:
– ЦIа чохь дийна нах буй, хьовса. Дийна бацахь, церан герз схьада, – Iуьттуш-тоттуш, и шиъ цIа чу дахийтира цара.
Воккха стаг сихха аравелира.
– Вийна кхо стаг Iуьллу цIа чохь, – элира цо.
ТIаьххье, Iадийна, мохь хьоькхуш араиккхира зуда.
– Вай, орцах довлийша! Сан кIант вийна хIокху Делан мостагIаша!
ТIаккха, куьйгийн пIелгаш даржийна Григорчукана тIе а кхетта, цхьана куьйга цуьнан коьрта тIера йеха месаш ийзош, вукху куьйга йуьхьах мIараш тийса йуьйлира.
– ДIадала, йешап! – мохь оьхура Григорчукан.
Цунна гIоьнна веара цхьа гIалагIазкхи. Амма зудчо Григорчук дIа ца хоьцура.
– Коьртах хIyмa тоха цунна! – омра дира Григорчука.
Зоьрталчу гIалагIазкхичо, варзап санна, боккха буй коьртах а тоьхна, охьайожийра йоккха стаг. Цо мIapaш тийсина йеринчу шен йуьхьах куьг хьаькхира Григорчука.
– НеIалт хуьлда хьо йешапна! – синкхетамах йаьлла Iуьллучу зудчунна чоьже мийра туьйхира цо.
Морзгалша къарзйина Григорчукан йуьхь кхин тIе а эрчайаьккхинера зудчо.
Воккхачу стага цIа чохь дийна стаг вац бахахь а, ларвалар эрна ца хетта, шел хьалха ши гIалагIазкхи чухьажийра Григорчука. Хьалхарчо неIсагIех чоьхьа ког ма-баьккхинехь, цIа чохь топ йелира. Шен карара топ дIа а хецна, шинне куьйга гай а лаьцна, шалха а вахана, цкъа голаш тIе охьа а лахвелла, тIаккха ша волччохь дIахаьрцира гIалагIазкхи. ТIаьхьарчо цIа чу топ туьйхира.
– Кхин дийна стаг вац хIокху чохь, хьан оьздалла, – элира цо, схьа а вирзина.
Григорчук цIа чу велира. Кора уллохь шиъ а, неIарна дуьхьал сонехь цхьаъ а – кхо дакъа Iуьллура цIa чохь. Царна уллохь цIенкъахь бердангаш а Iохкура. Оцу сонехь Iуьллучунна чIогIа чов хиллачух тера дара. Хетарехь, текхна неIарна дуьхьал соне а вахана, шен берриг ницкъ тIе а гулбина, хьалха гучуваьллачу гIалагIазкхичунна тIаьххьара патарма тоьхнера цо.
Шена тешнабехк бинчу воккхачу стагана таIзар дан дагахь араваьллачу Григорчукана, арахь йа иза а, йа йоккха стаг а ца карийра. Воккха стаг лаха луларчу цIа чу вахара иза. Кхераделла, синош даьхьна ши зуда а, жима кIант а карийра цунна. Воккха стаг тIепаза вайнера.
Лаха чохь тоьпаш йуьйлуш, пулемет йетташ, гIалагIазкхийн, салтийн маьхьарий хезира Григорчукана. Охьа чухьаьжча, цунна гира Алкунехьа боьдучу новкъа дIайевдда йоьлху ах бIе гергга говраш. Чов хиллачун дола дар гIалагIазкхашна тIе а диллина, басех чу охьахьаьдира Григорчук.
ШолгIачу цIа чохь къовлавелла пхи обарг веддера. ЦIенна гo бинарш неI а, кораш а тергалдеш, цигахула чу герзаш детташ Iашшехь, цIа чуьра хьала цхьацца тхов тIе а волуш, цIийна тIехьарчу aгIop чу а буьссуш, бешарчу йарашна йукъахула текхаш гонна йукъара а бевлла, дуьрстанаш хедош, гIалагIазкхийн говраш дIа а хецна, говраш тIехь дIабахнера. Кхузахь деттачу герзаша хьере йина, вукху пхеаммо йетташ карзахйаьхна, мераIуьргаш а сийсош, терсаш Алкунехьа боьдучу новкъа дIахахкайеллера говраш. Йисинчу говрашкахь тIаьхьабевллачу гIалагIазкхаша, хала схьалоьцуш, йухайалийра уьш.
6
Таллархойн ханна отрядан хьалхарчу операцин жамIаш белхаме хилира. Хьалхарчу дийнахь цхьа гIалагIазкхи вийна, кхаанна чевнаш йина. Обаргаша кIело а йина, тIелатар дина а ца йинера и чевнаш. Ши рота гepгга салтийн гIалагIазкхийн бIон мера кIел машаречу шина некъахочо йинера. ЦIорхехь, ах бIе гepггa цIа долчу жимачу кIотарахь, йалх гIалагIазкхи а, итт салти а вийна, берхIиттанна чевнаш йина. Ткъа отрядо вийнарг кхо разбойник, ши стаг, цхьа зуда, ши бер ду. Вийначу шиннах цхьаъ Дудниковс лоьху Габис вара.
Дудников воьхна а, дарвелла а хьийзара. КIотара чохь а, гo бина а лаьттачу виъ бIе гергга салташна а, гIалагIазкхашна а йукъара а ваьлла, пхи обарг вахана гIалагIазкхийн говрашкахь. Уьш ларъеш волу ши гIалагIазкхи а вийна.
Операци Дудниковна эхье чекхйаларх къайллах воккхавера Григорчук. XIapa разбойникийн дIаьндаргашна йуккъехула кIотарахь ведда-хьаьдда лелачу хенахь, шех Наполеон тарвелла, кIотара йистехь, дитта кIел хиъна Iийна Дудников. Сонтачу омранашца геланчаш дIаса а хьежош.
Цхьанхьара лехна схьавалийначу йуьртдега дитт долчу дIагулбайтира кIотарара боьрша нах.
– Зеламха варий сийсара кIотарахь? – буьрса хаттар дира Дудниковс тобане.
Тобанах схьа а къаьстина, Дудниковна хьалха хIоьттира йуьртда.
– Вацара. Тхуна хууш, цкъа а хIокху кIотарахь а ца хилла иза.
– Делах тешаш вуй хьо?
– Делах тешаш ву со, Дала мукъалахь.
– Ткъа ахь аьшпаш хIунда буьтту, къена газа?
– Ас аьшпаш ца буьтту. Суна хууш, цкъа а хIокху кIотарахь ца хилла Зеламха.
– Иза кест-кеста Габис волчу хьошалгIа вогIуш хилар суна ма хаьа ткъа? Кхузахь вехаш волчу хьуна хIунда ца хаьа? ТIе, дерриг а хаа дезаш, йуьртда а ма ву хьо.
– Ца хаьа суна. Кхузарчу бахархошна цхьанна а ца хаьа. Зеламха кхуза вогIуш хилча, цхьанна ца хууш дуьсур дацара.
– Оцу шина цIеношкара схьа тхуна дуьхьал тIом бинарш муьлш бара? Обаргаш бацара уьш?
– Обаргаш бацара. Хьеший бара.
– Шаьш тIебиссинчу хIусамехь хьешаша тIом беш гIиллакх маца дуьйна ду шун?
– Цкъа а ца хилла. ХIинца а дац.
– ТIаккха шаьш тIебиссинчу хIусамера схьа паччахьан салташна герз хIунда диттина оцу хьешаша?
– Цкъа-делахь, цIеххьана йуьрта а лилхина, герзаш диттинарш салтий бара. ШолгIа-делахь, хьешаша йекхнарг чIир йу…
– XIyн чIир?
– Аш селхана вийначу пхеа гIалгIачун чIир. Церан гергара нах бара уьш, кхузахула чекхбовлуш, делкъе йан севцца…
Букъа тIехьа ши куьг лаьцна, шозза-кхузза дIаса а волавелла, йуьртдена хьалха сецира Дудников:
– И разбойникаш аш йуьрта битарна, ас шайна хIун таIзар дийр ду, хаьий шуна? Шун йуьртах чим бийр бу ас!
– Уьш хьеший бара. Хьаша хIусаме ца вита бакъо йац тхан…
– Уьш разбойникаш бара! Разбойникашна хьошалла леладе аьлла, гIиллакх дац шун къоман!
– Уьш машаре нах бара. Бехк-гуьнахь доцуш, шайн пхи стаг аш вийча, чIир йекха арабевлла!
Дудниковс раз ластийна, бетах шед туьйхира йуьртдена. Цуьнан беснеш тIexь цIен аса хIоьттира, мерах цIий хьаьдира. Вист ца хуьлуш, оьгIазе Дудниковга хьаьжира гIалгIа. Оцу хьажарехь цкъа а машар хир боцу мостагIалла гора.
– Массо а цIийнах хьовса! Левчкъина бисина разбойникаш лаха! Герз лаха! Разбойникаш, герз къайладаьхна нах, леций, схьабалабе! ГIуллакх чекхдаллалц, цхьа а стаг кхузара дIаса ма валийта! – омра дира Дудниковс шена уллохь лаьттачу эпсаршка.
Омрин бакъдолчу маьIнех кхеттачу салтийн, гIалагIазкхийн йаххьаш йекхайелира. Уьш кIотархула дIасабаьржира, мелла а битамехьчу цIеношна шаьш-шаьш хьалха тIекхача а къуьйсуш. Цара доггаха болх бийриг хиларх тешначу Дудниковс йоцца кхеташо йира эпсаршца.
– КхидIа вай хIун дича бакъахьа хета шуна, господа?
– Дан дезарг оцу бахархошка ахь дIааьлла, – вистхилира Григорчук. – КIотар а йагийна, къилбехьа, Борахчу-лома дIагIур ду-кх.
Вукху ворхI эпсаре хьаьжира Дудников. Царах цхьа а вист ца хилира. Григорчука аьллачунна реза бара а, хаац, йа лакхарчу шина эпсарна йуккъе дош ала ца лаьара а, хаац.
– Йурт йагорна со дуьхьал ву, – элира Дудниковс, уьш цхьа а вист ца хилча. – ГIалагIазкхаша бехк-гуьнахь доцуш селхана вийна пхи гIалгIа бахьана долуш, церан гергарчара йалх гIалагIазкхи а, итт салти а вийна вайн, берхIиттанна чевнаш а йина. Ткъа вешан Iалашоне кхача вай хIинца а гена ду. Нагахь санна вай хIapa кIотар йагайахь, дарбелла нах оцу ведда ваханчу пхеаннах дIа а кхетта, кхин тIе орца а даьккхина, новкъахь кIелонаш йеш, тIелеташ, отрядана даккхий зенаш дийр ду. Со реза ву разбойникаш чохь хилла ши цIа даго. ТIаккха Борахчу-ломахула дIа, Зеламхин доьзал бу бохучу меттиге, дIагIуртур ду вай. Отрядан коьрта Iалашо разбойникаш а, Зеламхин доьзал а схьалацар йу.
Зудчо мIараш тийсина йеринчу йуьхьо Iийжош, кIамлуш, лозуш, сагатдора Григорчукан.
– Цуьнан локхалло Михеевс тхан отрядана йеллачу инструкци тIехь дуьххьал схьа аьлла ду: отрядана герзаца дуьхьало йинчу а, омра кхочуш ца динчу а йуьртана, къаьст-къаьстанчу нахана луьра таIзар де. ХIокху кIотаро вайна герзаца дуьхьало йина. Салтий, гIалагIазкхий байъина, чевнаш йина. Кхечу йарташна масална, xIoкху кIотарна луьра таIзар дан деза вай. Йа вуьшта аьлча, йурт йаго йеза.
– Кхузахь дуьхьало йинарг йурт йац, господин штабс-капитан, йуьртана тIебаьхкина нах бу. Нийсса аьлча, йуьртахула чекхбовлуш, севцца нах бу. ЦIийнах хьовсар чекх а даккхий, ас билгалдина ши цIа а дагадай, новкъа довла кечло!
ОьгIазваханчу Григорчука, шен йуьхьа тIехь чевнаш хилар дицделла, йуьхьах куьг хьаькхира. Массанхьа а цIийн тIадамаш хIиттира.
Цхьана сохьтехь чекхделира цIийнах хьовсар. Салташа а, гIалагIазкхаша а цхьа берданга а, масех шаьлта а йеара. Амма царах хIораннан карахь, пхьаьрса кIел, гихь ларчанаш йара. Уьш шайна ца гучуха, таьIна Iийра эпсарш. ТIаьхьа оцу хIонца тIера эпсаршна бол бала безара церан.
Делкъал тIаьхьа, кхузара йухайаьлла, къилбехьа дIайолайелира отряд. И новкъа а йалале лаьмнашкахь даьржинера цо ЦIорхахь динарг. Вийначу Габисан кIанта шен тайпанан нахе орца аьллера. Цунна тIахьахIиттира селхана новкъахь вийначу пхеа гIалгIачун нах а. Отряд лаьмнийн кIорге хьалайаха йитира цара. Зеламхин доьзал бу аьлла, хорачочо йийцина меттиг а ца карийна, отряд, йухайирзича, дIа ког мел баьккхинчохь кIелонашна тIенислуш, дуккха а дараш хуьлуш, арен тIе кхечира.
Амма Вербицкийс областан начальнике рапорт делира, оцу операцехь отрядо иттаннаш обаргаш байъина, къуй, талорхой лецна, бахархошкара дуккха а герз даьккхина аьлла. Отрядо цхьа а обарг а ца вийнера, цо байъинарш, лецнарш машаре бахархой бара. Байъинарш а, лецнарш а хIун нах бу толлуш а, схьадаьккхинчу герзан хьесап лелош а, йа бала болуш а Iедал а дацара. Операцехь дакъалоцуш хиллачу салташа а, гIалагIазкхаша а шайггара кхуллуш, шайн турпала хьуьнарш дуьйцура. Цундела уьш турпалш санна тIеийцира Iедало а, хьолахойн йукъаралло а, мещанаша а.
Кавказан наместникан Воронцов-Дашковн омрица, цигара бахархой арентIерчу йарташка а кхалхийна, ЦIорхе йагийра…
XVIII корта. Ши мостагIа
Зеламхас вен кхел йинарг, иза даржера а, оцу махкара а дIаваьлча а, иза миччахь велахь а, вала веза.
Профессор П. И. Ковалевский
1
Йиллинчу меттиге Вербицкий вогIур вац Деналбека аьлча, бакъ ца моьттура Зеламхина. Атамана атталла лата меттиг а ца йиллира. Зеламхас йиллинчу меттиге а ца веара. Махкана хьалха Зеламха сийсаз а вина, ша майра а, турпал а хилла, кIилло пхьагал санна, дIатаьIира.
Амма Зеламхин бакъо йац цо шена дина эхь бекхам ца оьцуш дита. Массо а маьIIехь Вербицкийна тIаьхьадаьхна бIаьргаш а, лергаш а ду цуьнан. Цкъа Вербицкий цIерпоштаца БуритIара схьа Соьлжа-ГIала вoгIy аьлла, хаам кхаьчча, шен духар а хийцина, цхьацца йохка xIyманаш тIе а йехкина, стерчийн ворданахь цига станце а вахана, кхаа дийнахь цига йогIу цIерпошташ теллира цо. Амма Вербицкий ца веара цхьана а цIерпоштаца.
Цкъа хаам кхечира Зеламхе, цуьнан мостагI Соьлжа-ГIаларчу «Франция» отелехь дууш-молуш, кехатех ловзуш, сакъоьруш ву аьлла. Буьйсанна цига а вахана, Вербицкий араволу тергалвеш Зеламха Iаш, цунна тIевеара Деналбек.
– Дала хьуна тIекхачий-кха со, ахь цхьа доьхнарг дале, – хьуьхьвоьлла садоьIура Деналбека. – Вало, чехка дIавала кхузара!
– ХIунда? И кхахьпа дийна бен, кхузара дIавер вац со!
– Кхузахь билггал иза вуйла, цхьанна а ма ца хаьа. И полицейскийш, жандармаш ца гo хьуна? Схьавало, чехка дIавала кхузара! Хьо кхузахь ву аьлла, хезна веана со! Же, ма Iе!
– Ца вогIу со!
– Хьайн устазан Кишин-Хьаьжин дуьхьа, ас аьлларг дехьа!
– ОстопируллахI! Ма вон веана-кх хьо кхуза!
Ша а витина, Деналбек дIaгIyp воцийла хуу Зеламха, цунна тIаьхьа а хIоьттина, дIавахара. Баккъал аьлча, Вербицкий оцу отелехь ву аьлла, цуьнга кхаьчна хаамаш харц хила а тарлора. Йа Зеламха кхуза вале дIавахана хила а тарлора. Буьйса йукъал тIех ма йаьллера, Зеламхас иза ларвеш.
Ши де хьалха хаам кхаьчнера Зеламхе, цуьнан мостагI тахана Гуьржийн БIo-некъахула Тифлисе воьду аьлла. Iуьйранна сатоссуш, шеца итт накъост а волуш, Дарьялан чIожа схьакхаьчна иза, кхузахь, Теркйистехь, кIелонна хиъна Iapa. ХIара гуьйренан хьалхара бутт белахь а, къеггина малх хьаьжна, де довха дара. Амма Теркаца хьала хьоькхучу мелачу махо дегIана цхьа тамашийна хаза там бора. Лекхачу шина берда йуккъехула чехка охьадогIу жима хи Терках дIакхетачохь, лекхачу, къеначу попа кIел, сийначу бай тIехь верта а даржийна, коьрта кIел куьйгаш а дехкина, мархашна кIел сетташ, пелдуьйлуш, хьийзачу лечане бIаьрг бетташ, аркъал вижина Iуьллура Зеламха. Накъосташа роггIана ха дора некъахь.
Иттаннаш шерашкахь хIокху новкъа стерчийн ворданашкахь а, говрийн гIудалкхашкахь а, пайтонашкахь а дIасалелара адамаш. Ткъа хIокху тIаьххьарчу шерашкахь йукъайевллера нах дIасалелош, бархI стагана меттиг болуш, «Бенц» машенаш. Лергаш къардеш, гIoвгIa йора, бIаьргаш Iийжош кIур а туьйсура цо, тIера адамаш дIаса а, хьала а кхуьйсуш, вон йетталора иза, амма оцу машенахь дIасабахар доккха дозалла хетара нахана. Мил-милла а ца воьдура, мелла а тароерг бен.
Вербицкийс оцу машенна билет эцна аьлла, хаам бинера Зеламхе. Iуьйранна малх лаккха баьлча, оцу машенан тата хезира шайн рогIехь некъахь ха деш лаьттачу Аюбана а, Абубакарна а. Машен гергагIоьртича, некъа йуккъе а ваьлла, куьг хьалалецира Аюба.
– Стой! Астанавись! – мохь туьйхира цо.
Абубакар йуьстах xIоьттина лаьттара.
Йуьхьиг охьайерзийна белшах тесна топ а, некха тIехь морзахйохуш а, йукъах йихкина а патармийн гIаьпнаш а, доьхкарх йоьллина ши бомба а, агIон тIехь кхозуш маузер тапча а йолуш, некъа йуккъехь хIоьттина лаьтташ жима стаг гича, шега шолгIа мохь ца тохийтира шоферо. Шозза-кхузза хьоршам тоьхна, Iаьржа кIур а тесна, йега а йелла, сецира машен.
Аюба сихха бIаьрг туьйхира пассажирашка. Виъ боьрша стаг а, йиъ зуда а. Йеа зудчух шиъ – ткъех шо хенара хаза ши йоI. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а Вербицкий ца гинера цкъа а. Цуьнан йуьхь-сибат хаьара. Веа боьршачу стагах шиъ иза хуьлийла а дацара. Шиъ Вербицкийн хенара вара.
– Выхади па аднаму! – омра дира Аюба. – Па аднаму падхади ка мине!
Массарал хьалха машенара чувоьссира лохачу, стоммачу дегIахь, Iаьржа духар дуьйхина, некха тIехь кхозуш дато жIар йолуш стаг. ТIаьххье охьайоьссина цхьа зуда цунна улло дIахIоьттира. Хетарехь, и шиъ зудий, майрий дара. Шен обанан кисанара схьадаьхна дашо сахьт а, бохча а Аюбе дIакховдийра стага.
– Со священник ву. Ткъа xIapa соьца йерг сан зуда йу. Дато жIар, зIе йоцург, шуьга дIайала кхин мехала хIyмa йац тхоьгахь.
– ДIавала, хIун ду ахь лелориг? – мозгIаран куьг дIатеттира Аюба. – Тхуна ца оьшу хьан деши, дети, ахча. Тхуна оьшург кхин ду. Кисана дилла хьайн сахьт а, бохча а!
ХIорш, зударий лецна, хьуьн чу йуьстах а баьхна, царна ницкъ бан бохку моьттуш, кхерайелира къона ши йоI.
– Господин Зеламха! Хьо оьзда къонах ву бохуш, цIе йоккхуш гIараваьлла ма вара, зударий сийсазбан воллу хьо? Къинхетам бехьа тхох!
– Дала бекхам оьцур бу хьох, ахь тхо сийсаздахь!
– Маьхьарий ма хьекха! Со Зеламха вац. Цуьнан адъютант Тамаев Аюб ву. Зеламха гур ву шуна хIинцца. Оха зударшца тIом ца бо, шун салташа санна. Меттах ца довлуш, машен чохь Ie. Муьжгий, шу соьца дIадуьйла.
Уьш шена тIебалийча, хьалагIеттина, цаьрга бIаьрг туьйхира Зеламхас. Уьш цхьа а тера вацара Вербицкийх. Амма Зеламха ца тешара йуьхь-сибатах. Цунна хаьара, коьрта тIе месаш йухкуш, йуьхьа тIе маж-мекх латош, йуьхь-сибат хуьйцуш, стаг кхечу куьце волуш хилар. Наггахь Зеламхас ша а хуьйцура шен йуьхь-сибат.
– Муьлха ву шух атаман Вербицкий? Суна кIилло баба баьхнарг? Соьга шех лата вола баьхна майраниг? Сох лата меттиг йилла цаваьхьнарг? Ас йиллинчу меттиге ван а ца ваьхьна, эскарца суна тIаьхьа толлуш леларг? Бехк-гуьнахь доцу бераш, зударий, къенанаш хьийзош леларг? Схьахьалхавала хIинца! ХIapa накъостий тешаш а болуш, ахь къасттийнчу герзаца летар ву вайша!