Къамелаш хьаьвззина тахана Нохчийчохь хIоьттинчу хьолана тIе девлира.
– Цхьацца йарташа Iедална йечу дуьхьалонех хIун хир ду-те, Iела?
– ТIехь лан ца даллал Iазап а, харцо а латтош хилча, дуьхьало ца йеш, таьIна Iep лайн амал йу. Амма и дуьхьало муха а, маца а йан йеза, хаа деза. Вайн цхьа декъаза амал йу: даим герзаца, майраллица ваьшна маршо йаккха гIертар. Цундела даим вай оьшуш, вайна бохаме доьрзу. Цкъа мукъана а и маршо хьекъалца йаккха гIорта дезара вай. Цхьадолу халкъаш шаьш гIовтту. Iедало уьш хьошу. ТIаккха раж кхечаьрга кхочу. Бусалбанаш, керстанаш ца къестош, ваьш санна Iазапехь дахкочу кхечу къаьмнашца барт а бина, ницкъаш цхьаьна а тоьхна, ца гIовттахь, Россерчу цхьана а къомана шегга маршо йаккхалур ма йац.
– И барт хир буй ткъа къаьмнийн?
– Хилийта гIерташ къахьоьгуш цхьа нах бу Россехь.
– Дала аьтто бойла церан.
– Кхечу къаьмнашца барт хилар-м хьехочохь а дацара. Вайн нохчийн шайн барт хилахьара. Цкъа тайпанашка, йуха вирдашка бекъабелла, вовшашца хьагI-гамо лелайо. Цундела вайна тIехь атта олалла латтадо муьлххачу Iедало а…
Хьеший дIабоьлхуш цхьана минотана тIаьхьасецира Ахьмад.
– Iела, дукха-м доьхура ас… Ваийтахьа со хьайца!
– ХIан-хIа, Ахьмад. ХIара зама карзахе йу. Нагахь цIеххьана дарц далахь, хьо оьшур ву йуьртахь. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун тaьIa, царна йуккъехь Iаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча. Хьой, сой саннарш хьалха хила беза, къомана тIе бохам беача. Суна са ма гатде, цхьа бутт балале йухавогIур ву со.
…Оцу буса массеран Iодика а йина, Iуьйранна са ма-тесси, новкъа велира Iела.
Ша новкъа ваккха цхьа а ца ваийтира. Шеца цхьаьна регIа бевлла Ахьмад, Овхьад, Лорса, Iусман, Янаркъа цIа а хьовсийна, масех минотехь цигахь сецира иза.
Уггар хьалха Iаьрчхехь массарех къаьсташ лекха, зоьртала лаьттачу попана тIехь сецира цуьнан бIаьрг. Цуьнан бакъабала боьллачу буьхьан дерзинчу га тIехь Iapa Iaьpжa маккхал. Оцу попа кIел ваьлла иза дуьнен чу. И йоккха, йуькъа пепнийн хьун хилла цунна дуьххьарлера цIа. Гобаьккхина гуш йолчу хьаннаша, нанас санна, доладеш кхиийна иза ткъе иттех шарахь. Цунна йевза оцу регIахь массо меттиг. Дагна хьоме йу xIopa кол, гy, ор, Iин… Кхечарал башха, гергара йу кхузара стигал. Даим боьлуш, ша хьоьстуш, эсала хьоьжуш хета малх. Ткъа латта? Маржа-йаI, даймехкан латта! Жимачохь ненан некхах къаьстинчу берах тера хуьлу-кх хьох хаьддарг. Ма дукхадеза-кх хьо Iелина, ма дукха хьегна хIара хьох. Хьан дуьхьа шайн цIий Iенийна, хеназа хьан кийра бирзина цуьнан дай, вежарий, кIант… Хьоьга сатуьйсуш цхьа буй латта шен бесни кIел диллина, хийрачу махкахь лаьттах вахана Аьрзу. Маса, маса эзар воьжна хьан дуьхьа, маса эзар вужур ву шайн бераш маьрша, машаре хьуна тIехь дахийтаран дуьхьа!
Iела, ша волччу бертал а воьжна, шабаршца лаьтте къамел дан вуьйлира:
– Со вина сан нана, со кхиийна сан да, тхан цIийца хьандина даймехкан латта! ХIинца кхозлагIа букъ туху-кх ас хьуна, хIинца кхозлагIа воьду-кх со хьуна чохь са а дитина. Амма со йухавоьрзур ву, Iожалла ца хилахь. Йухавоьрзур ву, дийна ца верзахь, велла а. Хьан кийрахь бен карор бац суна синтем. Нагахь вайна йуха ган ца доьгIнехь, марша Iойла шу, хьомсара латта, хьаннаш, лаьмнаш, ас декъаза бералла текхна меттигаш!
ТIаккха, схьаэцна, цхьа буй латта шен чоин бустамийн газар чу а доьхкина, хьала а гIеттина, кхин цкъа гонаха бIаьрг а тоьхна, чоин ши тIам доьхкарх а боьллина, хьалхахьа дIаволавелира.
ДIаса а ца хьоьжуш, чехка воьдура иза, саца а ца соцуш, наггахь шен гира пIаьлдиг а нисбеш. Ша Сибрехара цIа вoгIyш, Iаьнан оцу шийлачу буса цо йуьрта беана пIаьлдиг.
Некъ хьуьнах булучохь саца а сецна, кхин цкъа а регIа бIаьрг а тоьхна, волавелла къайлавелира иза.
Попан буьхьа тIехь Iен маккхал, дIacа а хьаьжна, шозза-кхузза сингаттаме мохь а тоьхна, гIеттина хьалайаьлла, хьаннашна тIехула хьийзайелира.
ЦIеххьана баьллачу чехкачу махо тахкийра къена хьун. Цо идо диттийн можа гIаш, хIаваэхь керчаш лаьтта а оьгий, оьрнаш чуй, коьллаш кIеллий лелхаш, соьцура.
Стигалахь цIеххьана Iаьржа мархаш гулйелира. Геннахь масазза а ткъес къегира. Дуьне къардан санна, къевкъира стигал. Лаьтта эга доьллачу догIанан даккхийчу тIадамаша новкъахь чан гIаттийра.
Оцу сохьта хийцаделла, дIахIоьттира Iалам.
Ткъа Iела дIавоьдура. Цунна тIехула, махо сеттош, вовшех хьекхош, цIийзаш, тийжаш, техкара къена хьун. Йуьхь-дуьхьал деттара догIанан дарц. ТIаьхь-тIаьхьа хотто дIалоьцура когаш. Амма цо болар ца лагIдора. Махо ловзадора башлакхан тIемаш. Мотталора, иза Iаламан ницкъо айъина вуьгу.
ДуьхьалхIуьттура тIеман йалхитта шеран буьрса денош. Лерехь декара Аьрзун весетан дешнаш. Цо ша дIaкхойкхуш санна, хетара…
3
Ши бутт баьллера Iела цIера ваьлла. Атталла хабар а дац. Вахана aгIo а хаац. Хонкара вахана бахар бен. Синтем байна хьийзара Iусман. Масех шо хьалха ду, тхох хьо къасто ницкъ кху дуьненахь бац бохуш, ден кара корта а биллина, Iусман вилхина. Ма атта дара тохара, иза вевзина а, гина а воцуш, дуьненахь воцург а лерина Iаш. Иза-м да хилла а ца Iарий цуьнан… Оцу йуьртарчу, Яьссин тогIеца болчу берриг нахана санна, цунна-м иза шен баьчча хетарий. Ша цхьана баттахь хьелур ву, амма йухавогIур ву, шена тIаьхьа ма гIерта аьлла, вахана. ХIетте а сингаттамо эккхийна вигна Iусман, цунах хилларг хааре дог дохуш, Соьлжа-ГIалахула, БуритIахула кхирстира. Вац цуьнан къена дада, лар а йац. Шена тIаьхьавар цо мел дихкинехь а, Гуьржех ваха сацам хилира Iycманан. ГIур а ву, дада карор а ву, иза воцуш цIа а вогIур вац, кхин цкъа а цунах ца къастархьама.
Iусманна наб ца кхетара, мел кхетийта гIертарх. Бодашкахь бIаьргаш а детташ, Iуьллура иза, сих-сиха ха а хорцуш. Сема велахь а, цунна ца хезара арахь шок йетташ, дорцан шийла цIийзар а, цхьаммо карзахдаьхна летачу жIаьлийн гIовгIа а. Цуьнан ойланаш генахула лелара. Ца бевзачу махкахула. Хонкарахула, гуьржийн лаьмнашкахула.
– Iусман!
Цхьа гIенахь санна, цхьаммо шен цIе йоккхуш хезна, ладуьйгIира Iусмана. Цхьаммо меллаша кор деттара.
Хьала а гIеттина, бодашкахь катоьхча карадоггIучу вуьжуш охьадиллина шен барзакъ схьаэцна, сиха тIе а дуьйхина, шаьлта йукъах а йихкина, тапча доьхкарх а йоьллина, патармех йуьззина ши гIап некха тIехь морзахйоккхуш коча а тесна, йуьйлина японски топ кара а лаьцна, араиккхира иза.
КетIахь лаьтташ кхо стаг гича, уьш хIун адамаш ду цахаарна, тIе ца воьдуш, сецира Iусман.
– Муьлш ду шу? – мохь туьйхира цо.
– XIapa-м со вара, Iусман.
– Доша, хьо ву иза? Схьачудуьйла.
Шеца болу накъостий кетIахь а битина, Iусманна тIeвеара Доша.
– Соьца берш хийра хьеший бу, Iусман. Вайнах бац уьш, цхьаъ воцург.
ТIедиллинчу лайно кIайвинчу кхаа хьеше маршалла а хаьттина, уьш чубийхира Iусмана.
– Цкъа хьалха чу гIой, чиркх латабай, хIорш чубига цIa кечдехьа, Iусман, – элира Дошас. – Тхо арахь совцур ду.
– Мох ца кхете мукъа а довлийша, Доша. Ас хIокху дела сохьта чудуьгу шу.
Сихха гIеттинчу Меданас хьешан цIа чуьра товха цIарах йуьйлира. Iаьнан шийлачу денца ца догIучу дуткъачу духарца болу хьеший цIарна гонаха хьаьвзира. ЦIеран серлонехь бIаьрг ма-кхийтти, хиира Iусманна уьш цхьаъ нохчо а, важа шиъ оьрси а, гуьржи а хилар.
Хьешашка хаттар ца дора Iусмана. Цхьана хIуманах дог кхиъна, чу алу йоьхкича санна, кийра богура цуьнан.
– XIapa кхоъ Гуьржехара веана, – элира Дошас. – Ма-боггIу Саьмби-КIотара кхаьчна хIорш, цигахь суна тIенисбелла…
– Ванах, тхан дадин хьешех ши стаг ву-те хIара шиъ? – шен дагахь дерг схьаэлира Iусмана. – Цо бийцинчу нахах тера ду кху шиннан аматаш.
– Волчух тера ду…
Даим санна, ша сихалха лун кхача – сискал а, йовха шура а йуьллуш, хьешашна шун хIоттийра Меданас. Шуьнца тховса тIекхеттарг гIалмакхан чай дара, шура а тоьхна, тIе даьтта а диллина тодина. Бохбелла, буьзна хьеший паргIатбевлча, Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах лаьцна жимма къамелаш деш а Iийна, хьешашка шен садуу хаттар дира Iусмана.
– ТIаккха, мехкан воцу ши хьаша, шуьшиъ мичара веана, стен валийна сан мискачу хIусаме? Шаьшшинна оьшург аш схьадийцахь, иза Делан гIоьнца кхочушдийр ду-кх вай.
– Тхо кхоъ Гуьржехара веана, – элира гуьржичо. – Хьан да, Iела, Сибрехь вевзина суний, Петроний. Цхьа бутт хьалха иза Гуьржех дIавеача, цигахь йуха а цхьаьнакхийтира тхо кхоъ.
Iусманан кийра цIе кхерстира.
– ЦIерш хIун йу шуьшиннан?
– XIapa Петр Егоров ву, сан цIе Николаз йу. Николаз Беридзе.
– Дадин уггар гергара ши доттагI ву-кх шуьшиъ.
– ХIаъа, тхан доттагI хилла ца Ia хьан да. Оха тхайн да санна лоьру иза.
Хьеший дIатийра. Уьш кхийтира шаьш дуьйцучух Iусман шекьхиларх. Баккъалла а, жимма Iийча, Iycмaна цIеххьана хаттар дира цаьрга:
– Со цхьана хIуманах ца кхета, Николаз. Дада цига вахана кхо бутт кхочуш боллу. Шуьшинца цIа хIунда ца веана иза, шуьшиннах къаьстина, цигахь хIунда висина иза?
– Нийса хоьтту ахь, Iусман. Иза цига кхаьчча, дукха цхьаьна Iойла ца хилира тхан. Тхойшиннан Россех ваха дийзира цхьана баттана. ТIаккха Iелас, ша Хонкара воьду, элира. Цигахь дозанехь ваша ву шен дIавоьллина. Японски тIамера ведда вахана, Хонкарахь вехаш оцу вешин кIант а ву, элира. Вешин коша тIе а хIуттур ву ша, вешин кIант а лохур ву ша, элира. Тхойша Россех вахана вогIучу йукъана ша, Хонкара а вахана, Гуьржеха йухавоьрзур ву аьлла, вахара иза. Ша цигара йуха ца верзахь а аьлла, хьоьгий, Ахьмад цIе йолчу шун йуьртахочуьнгий цхьа весет дитина цо.
– Оцу тIехь дерг соьга дийца ца мега аш?
– ХIан-хIа, мегар дац, Iусман, – корта ластийра Беридзес. – Хьой, Ахьмад цIе йолу стаггий цхьаьна хила веза.
«Веза Дела, хIун ду-те аьшшиммо деанарг, дан мукъа а? – чу бала хьаьвзина, тIаьхь-тIаьхьа чехкадуьйлуш, хьерадаьлча санна, детталора Iусманан дог. – Диканиг дохьуш веанехьара, тоххара схьадийцина хир дара…».
– Тховса кхойкху вай Ахьмаде йа кханенга даккха мега вайн иза? – хаьттира цо, хьешашна луург дархьама.
– Хьайна мел хало хилахь а, тховса схьакхайкхахьа цуьнга. Шун кхузахь а машаре дац. Хьанна хаьа, кхана хиндерг.
Кхин хан ца йойуш, Ахьмад каро араиккхира Доша.
4
Ахьмад охьавижаза карийра Дошина. ХIетта цхьанхьара цIа вирзина иза, тIера сов бедар дIа а йаьккхина, неIармачаш кханенна кечъеш воллура. Хан йоцчу хенахь ша волчу веанчу Дошин кхоьлина йуьхь гича, иза хIумма а диканиг дохьуш ца веаний хиира хIусамдена.
– Доша, хьо лаа лелий? – хаьттира цо шен ма-хуьллу паргIат.
– Iелин ши накъост веана Гуьржехара.
Ахьмадан дегIах шийла хьацар туьйхира.
– Iела вуй цаьрца?
– Вац…
– ХIунда?
– Ву… Амма цигахь вийна, цIа валийна. Кхузахь салтий бу аьлла, хезча, Саьмби-КIотарахь цуьнан дакъа а дитина, даьхкина тхо. Iусмане хаийтина а дац.
ХIетта ша царна чуьра схьайаьккхина тIеда къаж йуха чу а таIийна, мачаш кога а йуьйхина, гIорийначуьра йасталуш, ладарш Iийдалуш кхозу кетар тIе а кхоьллина, месала куй а тиллина, вист ца хуьлуш хьалхавелира Ахьмад.
Ахьмад неIарх чоьхьаваьлча, хьалаиккхира ши хьаша. Царах цхьаъ Iаьржа корта а, хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш а долуш, дукъ тIедаьлла мара а болуш, Iусманан хеннара стаг вара. Ткъа воккхо ала мегар долуш, хIетта сирйала йоьлла хьаьрса маж а, хье тIера тила боьлла корта а, къинхетаме сийна ши бIaьpг а болуш, лекхочу дегIара стаг оьрси вара. Салам луш тIеваханчу Ахьмада, куьйгаш а лоцуш, роггIана маракъевлира и шиъ, цаьрца волу нохчо а.
– ХIара Петр Егоров ву, – элира Iаьржачо. – Ткъа со Николаз Беридзе ву.
– Iаламат дика хета суна шу сайна девзина. Iелас дукха дийцина тхуна шух лаьцна. ДIа дош мосазза олу, шун цIерш йохура. Охьаховшал.
Хьешашка хьал-де а хаьттина, тIаккха Iусманна тIевирзира Ахьмад.
– ХIума йиъний кхара?
– Жимма кхетта.
– Дика ду. Дийцал, хьеший, муха хилира гIуллакх?
Хьеший, боьхна, вовшашка хьаьвсира. Цецвелира Iусман а.
– ХIумма а дац, кIентий, дохий ма хьийза. Суна хаьа шуьшиъ лаа ца веаний. Схьаала шаьш деанарг, баланаш Iийша Iемина ду тхо.
«Ахь дийцахьа», – бIаьргашца дехар деш, Петрога хьаьжира Николаз. Ткъа Петрон меттиг бацара кхечунна тIетатта.
– Хаьа тхуна, Ахьмад, адамашка ца лабалла баккхий баланаш аш Iийшиний, муьлххачу а бохамана сатоха шуьгахь собар а, къонахалла а йуйла. Цундела майрра олу ас: Iела воцуш ву…
И шийла кхаъ шена тIе хьалххе кхаьчнехь а, Ахьмадан йуьхьо бос хийцира, цIоцкъамаш дусаделира. Цунна гира Iусманан бIаьргаш тIунлуш. БIаьрнегIар тухучу йукъана ша дIатесна къонахалла йуха а йерзийна, гIовталан кочара ветанаш дIа а даьхна, Iусмане вистхилира иза:
– Къонах хила, Iycмaн, къонах. Иштта киртигаш йу дуьненан. Хийланна тIехIиттина уьш. Амма собар хила деза. Хьан ден, цуьнан нийсаройн – тхан а, тхешан дай, вежарий тIамехь эгча, бIаьргех хин тIадам ца баьлла. Ма Iийжара дегнаш, ма хала дара дейтта-пхийтта шераш бен хенаш йоцчу тхуна и бохамаш лан. Делхарх нисдала хIума дацара. Царах дисина герз кара а оьций, церан метта дIахIуьттура. Иштта хила деза шу а, Iycман. Дийцал, Петро…
– Iусман, тхо кхета хьуна xьaн дагах, – бoxypa Петрос. – Дог Iовжош хIума ду да-нана далар, и къахьо ас а мелла. Амма сан да шозза вели, Iусман. Миска Iела хьан да хилла ца Iapa, хьуначул а чIогIа везарий-те аьлла, дукхавезара тхуна иза. Цундела боху ас, сан да шозза велла: со шен цIийх схьаваьлларг а, и санна, ас сайн да лийрина, везаш хилла Iела а. Каторгехь цо шен дахаран некъ буьйцуш, бIаьргех хи туьйсуш, ладоьгIура накъосташа. Цуьнан хьуьнаро, оьздангалло, собаро ницкъ лора тхуна халонаш эшо, къийсамехь майрра хьалха дIадаха. Иза вуьззина турпал вара. Гуьржеха тхо долчу кхечира иза, цигахь цхьана масех йуьртара ахархой Iедална дуьхьал гIевттинчу хьола тIе. Цигахь тIом хилира. Дукха гIиртира тхо оцу тIамехь тхайца цуьнга дакъа ца лацийта, тIом болабалале иза цигара цIа хьажо. Амма цо ла ца дуьйгIира тхоьга. «Сан бакъо йац шух дIакъаста, – элира цо. – ДоттагIий бохамехь дIа ца туьйсу къонахчо». Массо хенахь массанхьа а тхоьца вара иза. Адам цецдоккхура цуьнан майралло, собаро, тIеман говзалло. Амма майра, каде, собаре хиларх лоцу къизачу дIаьндарго. Ши кIира хьалха, тхо Хевсуретехь лаьмнашка йухадовлуш, тхуна тIаьхьабаьхначу гIалагIазкхийн тоьпийн дIаьндарго некхах чIогIа чов йира цунна…
Шен къамел а сацийна, Iусмане хи дийхира Петрос. Шега кховдийнчу кхийран доккхачу зоки чуьра хи, са ца доIуш, лаххьийна дIа а мелла, балдех йовлакх а хьаькхна, кхидIа дуьйцура цо:
– Чов хиллачул тIаьхьа кхаа дийнахь вехира иза. Оцу йерриг хенахь, шен дегIа чуьра са дIадаллалц кхетамчохь вара. Цо тхойшинга дийхира шена тIе нохчийн молла кхачор а, нагахь санна цигахь шен Iожалла хилахь, шен дакъа винчу йуьрта дIадахьар а. Цуьнан дехар кхочушдеш, оха Хевсуретин дозанерчу цхьана йуьртара молла валийра. Цуьнца цига веара хIинца тхоьца волу xIapa Муса а. Лечу хенахь, шун динехь, гIиллакхехь дан дезарг дерриг дира. ТIаккха оцу нохчийн йуьрта а вигна, цигахь кечвина, оха кхааммо цIа валийна. Шун йуьртахь салтий бу аьлла хезча, иза луларчу кIотарахь а витина, схьадаьхкина тхо. ТIаккха xIapa кехат а дитина цо, шуьга дIaлo аьлла.
Костюман чухуларчу кисанара схьадаьккхина сийна конверт Ахьмаде кховдийра Петрос.
– Баркалла шуна. Дела реза хуьлда. Инзаре доккха гIуллакх ду аш динарг.
Конверт карахь дIaca а хьийзош, шен ши бIаьрг цунна тIе а боьгIна, цIеххьана дIатийра Ахьмад. ЧIогIа цергаш тIеттIа а таIийна, цо сихдина до къурдаш гира Николазана. Амма бIаьргаш декъа лаьттара. Атталла бIаьрнегIар а ца тухура. Николазана ца хаьара иза ойла йеш Ia а, йа шаьш беанчу шийлачу кхоо Iовжийна дог йухадерзийта гIерта а.
– Маржа, Iела, йаI, ма къиза дуьне диъна ваха-кх хьо Далла дуьхьал, – элира цо эххар а, доккха са а даьккхина. – Ца биси-кх кху дуьненахь хьуна ца гуш, ахь ца Iовшуш а бала. Дала гечдойла-кх хьуна а, хьуна тIаьхьадогIур долчу тхуна а. Iусман, Делан кхел хилла йаьлла. Да-нана цкъа бен леш дац. Амма оцу шина дийнан къахьо Iовшаза цхьа а ца волу. Iела йухавогIур вац. Вай доха ца деза, вайгахь собар оьшу, къаьсттана кху чолхечу заманахь. Iуьйранна хьалххе лула йарташка нах бахийта xIapa гIуллакх хаийта. Тезет хIотто меттиг кечйан а йеза. Каш даккха, дIаволла кечам бан а беза. ГIуллакхаш дукха ду. Вохий ма хьийза. Цхьаъ вахийтий, Овхьад сихха схьакхайкха. Вайна-м хьеший шина-кхаа дийнахь кхузахь бита луур дара, делахь а йуьртахь салтий болуш иза кхераме ду. Цундела хIорш новкъа а бохуш, тховссехь велларг цIа вало даха деза вай. Амма хIорш новкъа бахале цкъа Iелин кехат тIехь хIун ду, хьовса деза. Хьуна хIун хета, Iусман?
– Иштта бакъахьа ду.
– Делахь хIета вайн бартах кхетаве и шиъ.
Шаьшшиннан бартах хьеший кхето гIерташ, дикка къахьийгира Iусмана. И шиъ тховссехьа йуьртара дIавала везийла а атта хаийтира цо, ткъа бахьанаш дийца воьлча, хьевелира.
– Тхоьша кхета дерригенах а, – сацийра иза Петрос. – Амма Iела дIаволлалц дIаваха пурба дац тхойшиннан. Iелас гечдийр дац…
– Иза дийца а ца оьшу. Шуьшиъ висарх тхуна хила аьтто бац, амма шуьшинна цхьаъ хилахь, тхаьш дуьненахь мел деха дагахьбаллам хир бу тхуна.
Оцу минотехь схьакхечира Овхьад. Хилларг цуьнга дийцинера иза вало ваханчо.
Сийна конверт схьа а даьстина, цу чуьра схьадаьккхина Iаьрбийн, оьрсийн меттанашкахь йаздина ши кехат Овхьаде делира Ахьмада.
– Дешал, Овхьад.
Массарна хозуьйтуш, кехат деша волавелира Овхьад:
«Iожалла тIаьхьа а хIоьттина лелаш хиларна, хьалххе хIapa весетан кехат йаздо ас. Суна хаьа, нагахь кхузахь сан Iожалла хилахь, сан лаам кхочуш а бина, накъосташа со винчу йуьрта валор вуйла. Шуьга ду xIapa весет, сан вежарий, кIентий.
Цкъа а молханан кIуьран хьожа а йаккхаза болу xIoкху масех йуьртара ахархой, цхьаьна а кхетта, паччахьан эскарех леташ эга боьлча, церан могIаршка ца хIоьттича, ца Iевелира со. Iийча, эхь дара суна.
Со леташ ву. Лета вайн а, вайн накъостийн а йукъарчу мостагIех, вайн массеран а маршонан дуьхьа. Хаац суна, со тховса лер а, кхана лер а. ХIумма а дац, дийнахь-бусий бIозза велча а! Ишттачу адамашна йуккъехь, ишттачу къийсамехь Iожалла тIеэцар ловзар ду!
Ахьмад, сан бераш! Со эвлайаъ вац хиндерг хаа, амма суна цхьаъ хаьа: мацца йагIахь а, цкъа ирсе зама йогIург хилар. Хаьа, оцу заманахь къаьмнаш, цхьана доьзалехь санна, вовшашца мерза, цхьабарт болуш дехарг хилар. Ткъа барт болчу доьзалера ийман-беркат, токхо, ирс цкъа а ца хеда. ИншааллахI! Цу Дала мукъалахь, оцу заманахь дехар ду вайн бераш, церан бераш… Иза боху соьга большевикаша, ткъа уьш догдика, къинхетаме майра адамаш ду, нехан ирсан дуьхьа муьлхха а халонаш лан, шайн синош дIадала чIагIо йина. Уьш иштта хиларх со тешна, хIунда аьлча цаьрца бу ас дуккха а халонашкахь, бохамашкахь зийна, даим суна тешаме хилла Петр, Николаз, Михаил, Датико, Кирилл, кхин дуккха а.
Паччахьан Iедална дуьхьал вайн халкъо бIe ткъа шо хьалха болийна къийсам хIинца а сацаза бу. Маса эзар къонах ваьхьна цо, маса эзар доьзал байлахь битина! Вайн жима халкъ ца ларадора шена тIетеIачу инзаречу ницкъаца, вайн барт бацара кхечу халкъашца-м хьовха, атталла вовшашлахь чоьхьа а. Iехошший, нуьцкъалий ваьшна дуьхьалдаьхна кхидолу къаьмнаш вешан мостагIий хетара вайна. Амма иза бакъ ца хиллера. Дерриг а цхьа пекъарш ду вай, Iедало, хьолахоша къацахетарца дацош. Даккхий а, кегий а – дерриг а халкъаш цхьаьнакхетча бен вайга бохалур бац мостагIий, йаккхалур йац ваьшна маршо.
Хаалаш, оьрсийн паччахьо вайн халкъера дIайаьккхина маршой, нийсой дерриг халкъан цхьабарт болуш гIевттичий бен йухайерзалург цахилар.
Петр, Николаз! Сайн даймахках а, халкъах а хаьдда, цаьрга туьйсу са а кхачийна, царах дог а диллина, со генарчу Сибрехь кIелвисча, дог-дикачу аш верзийра со сайн даймахка, сайн халкъ долчу. Ашшиммо, шуьшиннан накъосташа дIаайъира иттаннаш шерашкахь суна хьалха лаьттина Iаьржа бода. Шуна тIекхаччалц со ма-хиллара бодане, тиларчохь ду сан жима халкъ. Цуьнан бехк бац иза бодане, къен, дера, кхечу къаьмнех ца тешаш хилар. БIe шо сов хан йу иза оьрсийн паччахьо хIаллакден, хьийзо. БIе шо сов зама йу иза хьоладайша, церан йалхоша Iexo. Цара латточу харцоно, къелло дардина иза, тешам байъина дерригенах. Иза боданехь ду, цунна бихкина серлоне боьду некъ.
Ас доьху шуьшинга, сайна ца гинчу, ца бевзинчу, шуьца цхьа ойла йолчу берриг шун накъосташка а, цо дукха сатийсина, цуьнан дуьхьа цо дукха цIий Iенийна маршо сан халкъо йаккхалц, цунна вошаллин гIо деш цуьнца хилар.
Ахьмад, шовзткъе ворхI шо хьалха со Iожаллех кIелхьарваьккхина ахь. БерхIитта шо хьалха сан кIантана ден метта хилла дIахIоьттина хьо. Хьан лаамна дуьхьало а йина, эхарта суна дуьхьал ван пурба дац Iусманна.
Вайн везчу Дала барт цхьаъ бойла вайн халкъан цо маршонехьа латточу сийлахьчу къийсамехь!
XIapa весет йаздина Гати-Юьртара схьаваьллачу Абубакаран кIанта Iелас, 1331-чу шарахь, шаввал беттан 20-чу дийнахь».
Овхьад кехат дешна ваьлча, цхьана ханна тийналла хIоьттира цIа чохь. И сингаттаме тийналла йохийра Петрос:
– МостагIчун дIаьндарго тхох къастий хьо, тхан хьоме доттагI, революцин майра бIаьхо. Амма хьо даим тхан дегнаш чохь вехар ву. Хьо санна дуьнен чуьра дIaваьлларг леш вац цкъа а. Дерриг хьайн дахаран бехачу новкъахь харцонца къийсина, хьайн даймехкан, хьайн халкъан дуьхьа турпала летта, хьайца цхьана къомах, цхьана динехь боцчу гуьржийн ахархойн гIуллакхна хьайн са дIаделла хьо вицвийр вац оха, хьан каторгин накъосташа. Ахь Iамийна со халонаш эшо, къийсамехь майрра хьалха дIаваха. Иза суна цкъа а дицлур дац. Ахь, хьайн кIентий санна, лийринчу, везначу ас а, Николаза а дуй боу xIapa весет кхочушдан, хьуна дукхадезна xIapa хьан декъаза лаьмнаш маршадахарехьа латточу къийсамехь тхаьшшиннан берриг ницкъ, эшначохь синош а дIадала. Хьо тешна хилалахь, оцу къийсамехь хьан халкъаца Россин берриг тешаме кIентий хирг хиларх!
ШолгIачу дийнахь Iела дIa а воьллина, нах кешнашкара арабевлча, Iусман царнa тIаьхьа цIа а хьажийна, ша Iелин коша уллохь сецира Ахьмад.
«ХIан-xIa, Ахьмад, хьо вогIур вац соьца, – кошан борза тIе куьг а хьоькхуш, Iелин тIаьххьара дешнаш дагалоьцура цо. – Хьо кхузахь оьшур ву. Дарц дала герга ду, буьрса дарц. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун таьIа, царна йуккъехь Iаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча. Хьой, сой саннарш хила беза, къомана тIе бохам беача…».
Каде хьалагIеттина, къена Ахьмад, шаьлтанан макъара тIе ка а диллина, майра ши бIаьрг лаьмнашца а кхарстийна, ондда гIулч йоккхуш, оцу буьрсачу дорцана дуьхьал накъосташна тIаьхьа йуьрта волавелира…
***
Соипан бертаза, иза шена тIаьхьара дIаваьккхира Зеламхас. Иза накъост воцуш вуьтур вац ша бохуш, Зеламхица виса гIерташ, чIогIа дуьхьало йира Соипа. Амма Зеламхас ца витира иза шеца. Йа Бетарсолта а, йа Жамаьлда а. Зеламхина хаьара Iедало шена тIаьхьабаьхна къайлах агенташ хилар. Цхьацца йартийн йуьртдай а, шен чIирхой а. Ткъа и йуьртдай а, агенташ а муьлш бу, ца хаьара. Цхьанхьа шена йамартло, тешнабехк бийр буйла хууш, шеца накъост ца вуьтура цо. Ша цхьаъ хилча, къайлехь латта атта хетара.
Соип цIа вирзина бутт сов хан йара. Амма цкъацкъа денна-буьйсанна араволий, мича вахана а ца хууш лелий вогIура.
Зеламха цомгаш ву бохуш, хезнера Овхьадана. Ткъа цуьнгара хьал ца хаьара. Овхьад шеквара Соип иза волчу воьдуш хиларх. Кешнийн кертара арадевлча, Соип шена улло нисвелча, цуьнца къамеле велира Овхьад.
– Деши хIун деш йу? Могаш йуй иза?
– Могаш, дика йу. Хьо ганза хан йаьлла, хIун деш ву-те иза олий, хотту цо а.
– Делахьа, даим иза ган хан йуьллуш, ледарлонна ца вогIуш Iа со. Зеламхера хьал хаьий хьуна? – цIеххьана хаьттира цо.
Соип цатешаме дIахьаьжира цуьнга.
– Ца хаьа суна.
– Сох ца теша хьо?
– ХIунда ца теша? Сан ден уггар тешаме доттагI ма хилла хьо. Бутт сов хан йу со Зеламхех дIакъаьстина. Иза мичахь ву, ца хаьа суна.
– Накъосташкахула хIумма а ца хезна хьуна?
– Зеламха цомгаш ву, олу цара.
– Хьал муха ду-те цуьнгара?
– Кхераме дац, олу.
Овхьада кхидIа хаттарш ца дира. Соип йа тIе ца кхочура Зеламхина, йа, тIекхочуш хиллехь а, дийца ца лаьара…
ХХVII корта. Турпалан Iожалла
…Цунна маршо йезара. Иза майра, оьзда къонах вара. Шен зуда, бераш ган воьдуш, вийра иза…
А. Макеев
1
Хорачан хьехара кIелхьарваьлла Зеламха, цIе йаккха цхьа а доккха тIелатар ца деш, дIатийнера. Кегий талораш деш меттигаш хуьлура областехь, амма уьш теллича, Зеламха церан декъашхо ца каравора. Ткъа инарла Михеевна, областехь муьлхха зулам хилча а, цигахь Зеламхин куьг гора.
Зеламха хьехара веддачул тIаьхьа Ведана а, Соьлжа-ГIала а округашкарчу цхьамогIа йарташна таIзарш дира Михеевс. Зеламхин гергарчу нахах а, иза чувитина аьлла хаам хиллачу йарташкара а бIе шовзткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтира. Зеламхица уьйр йу боху ворхI шайх шайн доьзалшца пхеа шарна Калуге, Астрахане ссылке бахийтира. Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дIакхелхина, гергарчара цIа а валийна, цуьнан йуьртахь Эвтарахь дIавоьллира.
Минусинскехь ссылкехь хилла Зеламхин доьзал а хIокху аьхка цIа балийна. ГIараваьллачу нохчийн адвоката Мутушов Ахьматхана гIайгIа бина иза цIа берзош. Пачхьалкхан Думан депутаташкахула а, юстицин министрехула а. Хорачахь-м хьовха, муьлххачу нохчийн йуьртахь бахар а дихкина Зеламхин доьзална. Соьлжа-ГIалахь, нохчийн цхьана совдегаран Мурзаевн цIеношкахь сацийна, гонаха доккха ха а хIоттийна.
Зеламхин доьзал ссылкера цIа берзорна дуьхьал вацара Михеев. Зеламхас кхерамаш туьйсуш, къамкъарг лаьцнера цуьнан. Чермой ломахь кIело йина некъийн инженераш а, царна ха деш хилла дегIастанхойн дошлой а цо байъичахьана, кхоьруш, синтем байна, дуьне гатделлера цунна. TIе, доьзал Сибрех бахийтича а, шайхаш ссылке бахийтича а, цхьа гIулч а йуха ца велира Зеламха. Мелхо а, дарвелла, карзахваьллера. Доьзал йийсаре бигначул тIаьхьа Iассан тIай тIехь а, Чермой ломахь а дира цо шен гIарадевлла тIелатарш. Цхьа минот йисира цо Соьлжа-ГIалара банк а, йармарка а ца талош. ТIаккха Хорачара хьех… Зеламха дийна мел ву, Теркан областехь машар, синтем хирг хиларх догдиллинера цо.
Бакъду, хьалха санна, хIинца кхераме вацара Зеламха. Обарган цIе йоьжнера цуьнан хьалкъана хьалха. Итт шарахь цуьнца хиллачу майрачу обаргех цхьа а ца висинера. Цхьаберш, лецна, Сибрех бахийтина, хан токхуш бара. Кхиберш таIзарийн отрядаша а, чIирхоша а байъинера. Шен гIеране керла накъостий тIеэца кхоьрура Зеамха. Ца тешара. Итт шарахь цуьнан гIеранехь хилларш шатайпа разбойникаш бара. Каторгера бевддарш. Нах байъина, мостагIалла тIехь дерш а. Iедална хьалха бехке хилла бевддарш а. Машаречу дахаре йуханехьа некъ боцурш. Уьш а тIеоьцура цо Iаламат чIогIа, лерина, церан дахар толлий. Накъостех тешара Зеламха. Церан дахарехь кхин некъ цахиларна. Маьршачу дахаре йухабирзича, Iедало йа ирхъухкур бара уьш, йа ткъех шарна каторге бохуьйтур бара. Ткъа стаг вийна обарг бевллачарна тIаьхьатоллуш чIирхой а хуьлура.
ХIинца и накъостий дIабевлла Зеламхин. Иза цхьа висина. Амма цхьа висинехь а, Iедална кхераме ву. Тифлисехь а, Михеевгахь а хаамаш бу, Зеламха коьрте а хIоттийна, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбеш бу бохуш. Коьрта кечамбархо ГIизлара-гIалин пурстоп хилла Коджаев Iабдул-Межед ву, боху. Нагахь санна халкъ гIатто ницкъ ца кхачахь а, ламанхошка Хонкара кхалхаре кхайкха Iалашо йу, боху, цуьнан. Коджаевс халкъа йукъа эладита даржийна, Iедало хьийзочу халкъехьа гIодаккхарна ша даржах вохийна бохуш. Бодане халкъ теша оцу хабарех. Эрзерумехь вехачу цхьана шайхо Зеламхе кехат даийтина бохуш а, дуьйцу. Цхьана ханна къайлавала, Iедалх ларло, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбелча, хьо имам кхайкхор ву бохуш.
Оцу хаамашца цхьаьна богIу Ведана округан начальникан подполковникан Караловн агентурин хаамаш а. Караловс йаздарехь, кестта Нохчийчохь гIаттам боло ойла йу Зеламхин. Къадари тIарикъатан вирдийн мурдаша Зеламха а, цуьнан хьуьнарш а хестош назманаш йаржийна. Йарташкахь къайлах гуламаш бина меттигаш а йу. ГIазот хьехор а алсамдаьлла.
Боданечу, фанатични болчу нохчийн бахархошна йукъахь Зеламхас эладита даржийна, боху, оьрсийн эскарша кхолха гуо бина, ша хьеха чохь висича, шайх Кунта-Хьаьжа а, пайхамарш Хизар а, Илес а шена орцах баьхкинера, ша хьехара ара а ваьккхина, кхерамазечу меттиге охьа а виллина, къайлабевлира уьш бохуш. Ткъа бахархой оцу эладитанех а теша. Доцца аьлча, Зеламха дIаваккха веза хIокху дуьненара.
ХIинца йерриг а дегайовхо Караловна тIехь йу.
Эла Караловга безам бацара Михеевн. Бакъду, цунна берриг туземцаш ца безара. Цунна-м хьовха, хIокху Кавказан администрацешкахь гIуллакхдечу оьрсашна массарна а. Каралов, Моргания элий бу. Россехь оьрсийн элийн сий ду. Уьш дворянаш ма бу. БIешерийн кIоргенехь деха орамаш, стаммий генаш долуш. Шайн долахь мехкаш а долуш. Цхьаболчеран долахь йаккхий заводаш, фабрикаш йолуш. Паччахьан гонехь, правительствехь, губернешкахь лаккхарчу даржашкахь болуш. Ткъа хIара КараловгIар, МорганиягIар муьлш бу? Элий бохуш цIераш йу, кхин хьалхе-тIаьхье йац. Шайн махкахь, лаьмнашкахь цхьа масех ирзо, бIе корта даьхни, говраш, йуьртахойчул даккхий а, лекха а цIенош хила тарло церан. Доцца аьлча, хьолана, хьекъална, кхетамна шайн туземцел дукха лакхабовлаза нах бу. Амма мел цаьрга безам бацахь а, кхузахь оьрсийн Iедална оьшу уьш. Толлу, жан жIаьлеш санна.
Михеевна уггар а оьшу Зеламхина тIаьхьа талла. Иза а, Нохчийчуьра кхиболу зуламхой а хIаллакбан. Нохчий, кхерийна, дIатаIо.
Каралов цунна дуьхьал лекха гIовла йолчу, кIедачу кресло чу охьахиира. Iаьржачу аматехь кавказхо. Ша мила ву а ца хууш, кура. Доцца хьал-де а хаьттина, гIуллакха тIе велира и шиъ.
– Керла хIун ду? – хаьттира Михеевс, ладогIа а кечлуш.
Караловс, шен папка схьа а йиллина, цу чуьра схьаэцна кехаташ шена хьалха стоьла тIе охьадехкира.
– Зеламха нохчий гIовтто кечамбеш ву бохуш, хилла хаамаш ас хьалха схьакхачийна хьан Локхалле. Цунна тIе цу хьокъехь сан агентурера масех хаам бу. Дийцарехь, Зеламха ша вац и гIаттам кечбеш. Кхин нах бу. Халкъалахь бевзаш, лоруш болу нах. Къаьсттана къадари тIарикъатан вирдийн мурдаш. Веданна гена доццуш, Хьаьжи-КIотара олучу жимачу йуьртахь каш ду Кунта-Хьаьжин ненан. ГIаттам кечбархоша оцу коша тIехь дуй биъна, боху, Зеламхина а, вовшашна а тешаме хила. ГIаттам боло партизански отрядаш вовшахтоха аьлла, Зеламхас кехаташ йаздина, боху, шен бартахошка. Нохчийчуьрчу а, ДегIастанарчу а тхьамданашка, динадайшка. Амма иштта цхьа а кехат тхан кара ца кхаьчна. Хетарехь, Зеламха реза вац гIаттамна коьрте хIотта. ХIунда аьлча гIаттам кечбархоша, имамалла тIелацахьара аьлла, дехар дина хилла Шеларчу МоIса-Хьаьже. Иза реза ца хилла. Ботлихан округан начальнико полковника Гвилисианис дийцарехь, изза дехар дина цара цигарчу Аслудди-Хьаьже, помещике Гоцинский Нажмуддига а. Уьш а реза ца хилла, боху, имамалла тIелаца. Даим санна, Нохчийчохь эладита даьржина, кестта Хонкара пачхьалкхо Россица тIом болор бу, Кавказ дIалоцур йу, уггар хьалха туркойн эскарш Гуьржийн БIон новкъахула Теркан областе догIур ду бохуш.
– И питана даржораш муьлш бу, хаьий хьуна?
– Цхьаберш хаьа. Делахь а уьш леца, царна дуьхьал тоьшалла дац. Доцца аьлча, халкъ Iедална дуьхьал карзахдохурш хьалха правительствона гIуллакхдеш хилла, амма цхьацца зуламаш тIехь а, правительствона йамарт хилла а гучубевлла нах бу. Халкъа йукъахь хьалхалера сий дац Зеламхин. Вайн отрядашца тIаьххьара хиллачу тасадаларехь, накъостий а битина, вадаро сий дайъина цуьнан, цуьнца бисина кIеззиг накъостий а тIаьхьара дIабевлла.