bannerbannerbanner
полная версияДарц

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Дарц

Полная версия

Баттахь гергга некъ бича, Красноярскехь цIерпошта тIера охьа а биссийна, хинкеман тIеховшийна, къилбаседехьа дIабигира уьш. Къилбаседехьа дIа мел гIоьрти, хи шорлора. Кеман тIехь а, лаха чохь а шатайпа доккха ши цIа дара тутмакхаш чохь латтош. Божаршна а, зударшна а, вовшех къастийна. Кхузахь а БецигIарна шайнна жима каюта къастийнера. Наггахь цхьана-шина сохьтана палуби тIе хьалабовлуьйтура уьш, цIенчу хIаваэхь садаIийта. Бакъду, пассажирашна улло ца бохуьйтура. Бакъо йелча а, цаьрца къамел дан оьрсийн мотт ца хаьара царна. Оцу сохьташкахь гора царна и исбаьхьа, шуьйра Енисей, цунна тIехула, морзахдуьйлуш, дIасалела тайп-тайпана хинкеманаш а. Шиний aгIop генахь луьста, лекха, йуькъа хьаннаш а, наггахь кегий йарташ а.

Къилбаседехьа мел гIоьрти, шело чIагIлуш хаалора. Хин шина а йистонца стомма ша гора. Деа дийнахь некъ бича, церан кема цхьана жимачу йуьрта уллохь сецира. Кеман тIе хьалаваьллачу шина жандарме дIабелира уьш хIетталц хIокхарна ха деш хиллачу салташа. Шина жандармо хIокхарна тиша кетарш, валенкаш, лергаш долу кхакханан куйнаш делира. ТIаккха кеман тIера чу а биссийна, шишша говр йоьжначу шина салаза а ховшийна, новкъа бевлира. Новкъахь, йуьрта кхаьчча, говрашка са а доIуьйтуш, хIорш салазаш тIехь а буьтий, шаьш трактира чу боьлхура жандармаш. Оцу чуьра арабевлча, бIаьргаш цIийлой, самукъадолий хуьлура уьш. Цкъацкъа БецигIарна бепиг йа булочкаш йохьура цара. Амма иштта йурт, атталла, жима кIотар а, йа цхьа а цIа доцуш, масех сохьтехь некъ бен денош а нислора.

ТIейуьйхина кетарш, коьрта техкина корталеш, куйнаш делахь а, бераш шеллора. ДIакъовлаза йисина беснеш, марош зийзадора шелоно. Шина зуцчо-м садеттара шелонна а, мацаллина а, набарна а. Берашна хала дара. КIадделлера, наб йайнера. Дийнахь наггахь кхоллучу бепиган йуьхках а, булочкех а кхачо ца хуьлура, мацалла дIа ца туьйра. И некъ кхидIа бахбеллехь, берех хIун хир ду, ца хаьара шина зудчунна.

Эххар а шаьш ссылкехь латто билгалйинчу меттиге дIакхечира уьш. Енисейски губернерчу Минусински уездерчу Ермаковка цIе йолчу йуьрта.

Сибрехара йерриг йарташ санна, тайгахь, доккха доцчу хин йистехь, хьуьна чохь маьI-маьIIехь даьржина цIенош долуш, оцу aгIор йоккха йу ала мегаш йурт йара Ермаковка. Йуьрта йуккъехь, лекха цхьа момсар а йолуш, ханнех йина килс йара. Цунна гонаха алссам а, луьста а дара цIенош. Кхузарчу цIенойх цецбевллера БецигIар. Цхьа а хьостам ца тухуш, арахьахула поппар а ца хьохуш, стаммийчу ханнех динера уьш. Цхьа гIат а, ши гIат а долуш. ХIорш ши гIат долчу цIеношкахь лахарчу гIатехь дIатарбира. Хетарехь, меттигерчу Iедало оцу гIуллакхна хIусамдена мах белла лецнера и цIенош. ХIусамдай шаьш къастийна динчу кегийчу цIенош чохь бехаш бара. Суьйранна БецигIарна мотт-гIайба а, хи латто дечигах дина чийлак а, цIе лато дечиг а охьадиллира цара, тIаккха шаьш кечбина кхача а хIоттийра.

Дуккха а сингаттаме, балане суьйренаш хиллера шина зудчун дахарехь. Амма уьш шайн даймахкахь ловра цара. Кегийчу берашца цхьаьна Iедалах лечкъаш, йуьртах, гергарчарех, цIийнах йаьлла итт шо хан текхира. Цхьа минот а хан ца хуьлура и шиъ сапаргIатйаьлла. ХIинций-хIинций шаьш леца салтий богIу бохуш, дегнаш детталуш ладоьгIура. Амма хIетахь и шиъ нохчашна, гIалгIашна йукъахь йара. Цара ларбора уьш кхерамах. Сагатделча, хIусамдайшца, лулахошца охьаховший, синтем бойла хуьлура. Цара мацбала а, шелбала а ца буьтура. Берашца ловза церан нийсархой а хуьлура. Кест-кеста Зеламха а кхочура царна тIе. Цигахь дерриг а дагна гергара дара. Лаьмнаш а, хьаннаш а, Iаннаш а. Дерриг Iалам а. Кхузахь дерриг а хийра ду. Адамаш, церан мотт, гIиллакхаш. TIе, нагахь санна Зеламхех хабар кхуза кхаьчнехь, диканиг йа вониг кхаьчна, ца хаьа. Вочу aгIop вуьйцуш хабар кхаьчнехь, хIокхаьрга мостагIашка санна хьуьйсур бу кхузара бахархой. Кхузара Iалам а ду шатайпа. Цхьа а дитт дац церан даймахкарчарех тера. Шийла бу xIapa мохк. Бовхачу махкахь кхиъначу хIокхарна хала ду кхузара шело лан. Бовхачу махкара цIеххьана шийлачу махка нисбелча, махкалла а дой, кхузахь адамаш леш меттигаш дукха хуьлу бохуш, хезнера царна. Могаш, дегIехь ницкъ болу къона нах а. Ткъа xIapa шиъ зуда йу, бераш кегий ду. Шайн кхоллам муха хир, ца хууш, и хьалхара буьйса набарза йаьккхира Бецис а, Зезага а. Цкъацкъа тийжаш йелха дог догIура. Амма цаьршимма, хала садетташ, сецабора легашка хьалагIерта бала. И шиъ йилхича, дегнаш духур дара берийн…

4

Бецин а, Зезаган а кхузарчу адамех кхерар эрна хиллера. ХIорш гIараваьллачу Зеламхин доьзал хиларна ган лууш богIура а хаацара, йа xIapa адамаш шаьш иштта дог дика дара а хаацара, амма шолгIачу дийнахь дуьйна xIoкхеран хIycaмe схьаоьхура йуьртара бахархой. Зударий а, бераш а. МогIа ца хедаш. Куьйгаш даьсса ца богIура зударий. Цара бепигаш, булочкаш, картолаш, копастанаш, шура, нехча, кхиерш а йохьура. Ткъа божарша хоьттура, шайгара гIo оьший бохуш. Царна йукъахь къаьсттана хIокхеран бала кхаьчна хьийзара Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а.

Аркадий Петровича говран салазахь дечиг дохьура царна, тIаккха шен кIентан гIоьнца пешан барамехь херхаца хедадой, нийса хьажош тIекIел дуьллура. БецигIеран пеш кIур тийса йоьлча, гIожа буьххье йихкина горгам цIа чуьра хьала а, тхов тIера охьа а туьнкалга чу хьийзош, цIанйира цо.

ХIокху кертахь цхьа хьаштагIа йара. Шайн гIуллакхна цу чу боьлхура хIусамдай, церан бераш, шолгIачу гIаттIехь йехаш йолу, хIорш санна, ссылке йаийтина оьрсийн къона йоI. БецигIар ийзалора оцу йукъарчу хьаштагIа чу баха. ТIе, иза даим боьха а хуьлура. ХIокхарна дагахь дерг Аркадий Петровична муха хиънера а хаацара, цо, хIусамдеца барт а бина, БецигIарна шайнна хьаштагIа йира.

Къаьсттана БецигIарна дукха гIуллакхаш дора Николай Трофимовича. Иза говза дечг-пхьар вара. ЦIахь шен пхьалгIахь йина стол а, цунна гонаха хIотто диъ гIант а, чийлакаш тIехIитто деха цхьа гIант а деара цо. ТIаккха цхьана сонехь пенаца хьала шкаф йира. Aмма доллучул а уьш баккхийбебора Николай Трофимовича аннех бинчу маьнгех. Цхьа маьнга цIа чохь болуш бара церан. Готта, боца. Цунна тIе диъ бер халла дIатарлора буса, ткъа Беци, Зезаг, ши йоI цIенкъа охьабуьйшура. Буса шеллуш, набарха буьйлура уьш. ХIинца массарна а охьабийша маьнгеш дара церан.

Амма хIокху хийрачу махкахь хIокхеран доьзалан уггар гергара адам хилла дIахIоьттинера шолгIачу гIат тIехь, цхьана цIа чохь йехаш йолу оьрсийн къона йоI Валентина Михайловна Карташова. Иза ша Петарбухера йара, интеллигентийн доьзалехь йина, кхиъна. Да университетехь профессор вара, нана – лор. Университетехь истори факультетехь шолгIачу курсехь доьшуш йолуш, большевикийн Iаткъамна кIел йахара Валентина. Цо студенташна йукъахь болх бора, Марксан, Энгельсан, Ленинан, Плехановн Iилманан белхаш а, большевикийн кхайкхамаш а баржош. Цхьаьннан маттаца университетера дIайаьккхира иза. Пхи шо хьалха хиллачу революцехь жигара дакъалецира цо, тIаьхьа, большевикийн партин могIаршка а хIоьттина, ша хьалха доьшуш хиллачу университетехь студентех партин къайлах ячейка вовшахтуьйхира цо. Йуха а цхьаьннан маттаца, цуьнан xIycaмepa революцин литература а йоккхуш, лаьцна, кхуза ссылке йаийтира.

Валентина Михайловнин ткъе йалх шо дара. Боьмаша месаш, жугIара бIаьргаш, дуькъа, деха цIоцкъамаш, нийса мара, севсина цIен балдаш, беснешна йуккъехь а, чIенга тIехь а кIаьгнаш долуш, озо ала мегаш, йуккъерчу дегIахь, кIайчу чкъурахь, чIогIа безамехь йоI йара иза. Партал, кIедачу озаца цо хабар дуьйцуш, ца кIордош ладегIа дог догIура.

Валентинас хIокхарна дуьйцура газеташа Зеламхех лаьцна йаздийриг. Цкъа цхьана дийнахь Муслимате, Энисте элира цо:

– Шуьшинна гIеххьачул оьрсийн мотт хаьа. Жимма вай къахьегча, иза шарлур бу шуьшинна. Делахь а йоза-дешар Iaмo деза ашшиммо. ТIаккха шаьш доьшур ду аш газеташ.

Ши йоI ца тешара шаьшшинна йоза-дешар Iемap ду бохучух. ХIокху доьзалехь Муслиматах – Бедаг, Энистах – Эни олура. Ткъа Валентинас и ши цIе шатайпа йоккхура.

– Бадик! Аниска! Сох ца теша шуьшиъ? Кхузахь хала хIумма а ма дац! Пхи-йалх шо долу берашна Iема кхаа баттахь. Ткъа шуьшиъ хьекъал долуш, йоккха ши йоI йу. Тахханехь болх дIаболор бу вай. Мохьмад а, Лом-Iела а Iaмop ву шуьшинца цхьаьна.

Оцу дийннахь меттигерчу ишколе а йахана, цхьа азбука, масех тетрадь, къоламаш, кира деара Валентинас. ШолгIачу дийнахь Николай Трофимовича жима у кечдира, тIе Iаьржа басар а хьаькхна.

Валентинас ма-аллара, кхаа баттахь йоза-дешар Iемира деа берана. Делахь а кхиамаш цхьатера бацара церан. Энистан кхиамаш алсам бара. Мохьмада а, Лом-Iелас а мало йора, йа вуьшта аьлча, царна ловза лаьара. Делахь а йоза йаздан а, газет доьшуш цхьа таро йан а Iеминера и шиъ. Ткъа Муслиматна а, Энистана а шо далале шерра деша а, хаза йоза йаздан а Ieмиpa.

Шен дукхахйолу хан хIокхеран доьзалехь йоккхура Валентинас. Берашца къамел деш, цара оьрсийн дош нийса ца аьлча, нисбеш, книга йоьшуьйтуш, йоза йаздойтуш. БецигIарна иза шайн доьзалхо санна хетара. Валентина шайца йолуш, царна бицлора шайгара бала. Амма шо даьлча, вовшахкъастийра уьш. Минусинскерчу Iедална хиира Валентина разбойникан Зеламхин доьзалца болх беш хилар. Иза, кхузара дIа а йаьккхина, Минусинске йигира.

Дийнахь хIорш болчу вoгIypa Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а. ХIокхарна хIун оьшу а хьожий, дечиг а доккхий, кхин кега-мерса гIуллакхаш а дой, дIавоьдура. Ткъа буьйсанна шайн гIайгIанашца шаьш буьсура хIорш. Кхузахь шо даьккхинехь а, бахархой шайца мел дика белахь а, цхьаьнггера а шайна кхерам бацахь а, буса, гIyй буллий, неI дIакъовлура цара.

Цхьана буса хIорш бийшина Iохкуш, цхьаммо меллаша неI туьйхира. Беци, Зезаг, ши йоI сема йара, амма уьш ца баьхьара гIуй дIабаккха. Мосазза а неI тоьхча, гIеттина, неIаре йахара Энист:

– Мила ву неI йеттарг?

– Со йу… – халла къаьсташ, шабарца вистхилира неI йеттарг.

Цуьнан аз тамашийна дара, иза зуда йу, боьрша стаг ву ца къасталуш. ХIетте а и аз зудчун озах тера хийтира Энистана.

– Оха буса неI ца йоьллу! – аз айдира Эниста.

– Бадик! Аниска!

– Хьо мила йу?

– Валя йу со… Сихха неI дIайеллахьа, Аниска…

Шеко йацара, и аз Валентинин хиларан. Эниста, гIуй дIа а баьккхина, неI йиллира. Амма сихха иза дохкойелира ша динчунна. Цунна хьалха лаьттара коьртахь лергаш долу боккха куй болуш, хьаьрса маж йолуш, боьрша стаг. Энистан мохь белира. Иза кхерайеллий хиъча, цхьана куьйга коьртара куй, вукху куьйга маж дIайаьккхира Валентинас.

 

– Сан хьоменаш! Аниска! Бадик! Беци! Зезаг! – массеран цIерш йохура цо, царна мара а йетталуш, барташ дохуш.

Цхьа хан йалийтира цара иштта, къамеле ца бовлуш. Царах шен дог а Iабийна, ша сени чохь дитина гали чудеара Валентинас.

– Ши куьг ластийна цайархьама, сайн аьттоне хьаьжжина, цхьацца кега-мерса совгIаташ деана ас. Дас-нанас баттахь цкъа доуьйтучу ахчанах хене йолуш ма йу со а, – гали схьа а даьстина, совгIаташ маьнги тIе охьадахка йуьйлира иза. – XIapa пальто Бецина а, Зезагана а йу. PoггIана лелор ашшиммо. Валенкаш а, шляпкаш а Бадикна, Анискина йеана ас. Мохьмадна, Лом-Iелина куйнаш, валенкаш йу. И шиъ Iай даим арахь, шелонехь ма хуьлу. Салазаш хоьхкуш, кхечу ловзарех ловзуш. Iумар-Iелина, Ахмедикна кемпеташ, пряникаш. Чай а, шекар а – массарна а йукъара.

Бецига пальто тIейухийтира Валентинас. Ткъа шина йоIана коьрта шляпаш техкира.

– Ма хаза товш а йу! – маракъуьйлура цо ши йоI. – Тфу! БIаьрг ма хила шуна, мел хаза йу шуьшиъ!

Зезаг кхача кечбан тохайелира, амма Валентинас сацийра иза:

– Сан Iойла дац, Зезаг! Сихха дIайаха деза сан.

– И хIун ду? Дера, гIyp йац, буьйса а ца йоккхуш-м! Оццул генара схьа а йеана, буьйса ца йоккхуш, дIа муха йоьду? TIe, буьйса йуккъе а ма йахана.

– Сатасале Минусинскехь хила йеза со.

– И хIун ду?

– Жандармерера бакъо йоцуш, гIалара арайалар дихкина суна. Ткъа ас йехча, цара иза лур а йацара. Лечкъина йеана со. Ца гора шуна суна тIера божарийн духар?

– Тхо-м цецдевллера хьох. Ахь лелийнарг забар йу, моьттура.

– ХIан-хIа. Жандармаш, полицейскийш тIекхаьчча, царна со ца йовзийта динера ас иза. ТIекхаьчча, йухайерзор йара. Иза дина ца Iен а мегара. Набахти чу кхосса а тарлора.

– Ой, хьо муха гIyp йу буьйсанна йуккъехь?

– Арахь соьга хьоьжуш лаьтташ извозчик ву говрийн салазца.

– Довхха чай мукъа мала новкъа йалале.

– Чай мала мегар ду. Кхин хIумма а вовшахйетта пурба дац шуна.

Сихха цхьа стака чай а мелла, массарна мара а кхетта, барташ баьхна, шен маж йуьхьа тIе а йоьллина, коьрта куй тиллина, тIе кетар йуьйхира цо.

– Валя, Дала сагIадойла хьан ахь тхуна деана совгIаташ. Хьо могаш-маьрша сихха хьайн дена-нанна тIе цIа йерзийта, – элира Бецис, иза тIаьххьара мара а къевлина.

– Суна лиъначуьнга хьаьжча, ма кIезиг совгIаташ ду уьш, Беци.

ТIаьххьара минот хало хилира Валентинина. Охьахьалха шен бIаьргаш чу гулделла хиш царна ца гайта, сихха араелира иза…

Валентина новкъа а йаьккхина, цIа чу дирзича, леррина шайн совгIаташка хьаьвсира уьш. ТIаккха, буьйса йаьллехь а, Мохьмад а, Iyмap-Iела а гIаттийна, чай мала охьахевшира.

– Тамашийна ду адамаш, – элира Бецис, шаьш йуха охьадийша кечлуш.

– ХIунда боху ахь? – хаьттира Зезага.

– ХIара оьрсий вешан мостагIий лору вай. Вешан бохамашна уьш берриг бехкебо. Къаьсттана – гIалагIазкхий. Вай йийсаре леццалц суна а моьттура. Ткъа хIорш дукхахберш дика адамаш хилла. ДогцIена, къинхетаме, комаьрша. Вай лецна БуритIа дуьгуш, Сипсу-гIалахула чекхдовлуш, гIалагIазкхийн зударша, вайна ха дечу дегIастанхойн дошлойн бертаза, вай тIехь долчу гIудалкха чу вайна бепигаш, булочкаш, нехча, стоьмаш кхуьйсура. Цхьаберш, вайга а хьуьйсуш, боьлхура. ХIинца кхузахь а массо aгIop вайна гIo дан, вайн дог эца гIерта. И Валя гой хьуна? Iедалера шена кхерам боллушехь, буса, генара, вай ган схьайеана…

– Оьрсий цхьатера ма бац, Беци. Нохчий а бац цхьатера. Вайна йукъахь а, оьрсашна йукъахь а бу къинхетаменаш, къизанаш. Комаьршанаш, сутарнаш. Оьзданаш, боьханаш. Дала иштта кхоьллина-кх адамаш. Iедал ду къизаниг, адамийн барт хила цабуьтург. Цхьа а халкъ дац вон. XIopa халкъана йукъахь вон адамаш ду…

5

Нохчаша шайн гIайгIанечу иллешкахь йийцина «Сийна Сибре» шен йерриг а халонашца, баланашца ловра Бецис а, Зезага а, йалх беро а. Мацалла ца хIуттура цаьрга. Iедало лучу рицкъанах тешна хилча-м, мацалла белла хир бара уьш. Йуьртарчу бахархоша кхачанан сурсаташ латтадора царна оьшучул а тIех. Дама, картолаш, копасташ, шура, даьтта, нехча, кхиерш а. Бахархоша шайна дохьу жижиг йуьхьанца ца дуура цара. Керстанаша дийначу бежанан жижиг жерга хетара. Амма хенан йохалла иза даа а дийзира. Шело а ловра цара. Цунах боьллера уьш. TIe, Аркадий Петровича дечиг латтадора царна. Херхаца доцца хедадой, этIадой, тIекIел дуьллура. Бахархоша, къаьсттана Валентина Михайловнас, царна массарна а Iаьнан духар а латтадора. Шайн ницкъ ма-кхоччу хIокхеран дог эца, садекъа, самукъадаккха гIертара кхузара адамаш.

Даа мерзаниг, тIедуха-когадуха диканиг, йовха хIусам хиларх тоам ца хуьлу стагана, нагахь санна цуьнан кийрахь цхьа бала, сингаттам хилча. Иза дIа ца баккхало дуьненан хьоле. Ткъа оцу бархI адаман кийрахь сингаттам бара, кIуркIамане санна, даим дIа хьийзаш, и кийра чахчош, боттуш. Кхузара адамаш, церан мотт, амалш, гIиллакхаш, Iалам хийра дара церан дегнашна. ШолгIа шо дара царна нохчо ганза, даймахкара хабар хазаза. Ца хаьара, Зеламхех а, Бийсолтех а, шайн йиша-вешех а хIун хилла. Ойланаш йора, уьш байъина-те, лецна набахтехь бу-те, хIокху пана Сибрехь, хIорш санна, халонаш, баланаш ловш, даймахке сатуьйсуш, бIарзбелла лелаш бу-те, бохуш. Йа хIокхеран йарташ йагийна, гергарнаш а, йуьртахой а доьзалшца цхьаьна махкахбаьхна, цхьана пана махкахь вовшех а къастийна, баржийна-те, бохуш. Ткъа буьйсанна набарш кхетча, тайп-тайпана гIенаш гора царна. Цхьа наггахь – хаза гIeнaш. Даймохк, дагна гергарнаш. Иштта хаза гIан гуш, шаьш самадевлча, вас хуьлура царна. Дукхахьолахь вон гIенаш гора. Шайн белларш, салтий, йохийна а, йагийна а хIусамаш, эрчадаьхна декъий, кхин а, кхин а. ТIаккха дегIе хьацар детташ, узарш деш, маьхьарца самабовлура. Иштта гIан гича, кхин тIе а алсамболура цаьргара бала.

Стигалахь гулйелла догIанан мархаш йа дуькъа дохк даржош, гучуболучу малхах тера хIокхарна хилла Валентина дIайахча, кхин тIе а базбелира царна и бала. Аркадий Петрович а, Николай Трофимович а вогIура дийнахь. ХIокхарна хIун оьшу а хьовсий, цхьацца кега-мерса гIуллакхаш а дой, дIавоьдура и шиъ. Наггахь лулара зударий а, хIокхаьрца буьйса а йацйой, дIабоьлхура. Ткъа хIорш шайн гIайгIанашца цхьаьна буьсура.

ШолгIачу Iай хIокхарна йуьйцу а ца хезначу цамгарх, шина кIирнах а Iиллина, дIакхелхира Ахьмад. Оцу шина кIирнах цкъа а кийра рицкъа ца дахара цуьнан, даим дIа хаддаза хи муьйлуш, дено-дено гIеллуш. ТIаккха оццу цамгарх, иштта бала а хьоьгуш, кхелхира Лом-Iела а.

ЦIахь, даймахкахь, иштта киртиг нанна тIехIоьттича, Iожалло хьийзочу, са дIадала гIертачу доьзалхочунна уллохь ца йуьту иза, йитахь а, ша цхьаъ ца йуьту. Нанна уллохь цуьнан да-нана, йиша-ваша, гергарнаш хуьлу. Цара мелла а байбо ненан кийрара бала. Ткъа Бецина а, Зезагна а орцахвала цхьа а вацара хIокху пана махкахь. Цара шаьш дIанисвира ши кIант синош дIалуш, шаьш тIекъевлира бIаьрнегIарш, чIенгаш, куьйгаш дIанисдира. Цара шаьш лийчийра шина кIентан декъий, шаьш кечдина марчо хьарчийра.

И шиъ-м Дала веллера цаьршинна. Дуьненахь ваха царна ша билгалйина хан чекхйаьлча, дIа а вигнера. И шиъ реза йара Дала динчунна. Ахьмад велча, Беци а, Зезаг и бIарзйинарг, царна Iаьткъинарг кхин дара. Ахьмад жима велахь а, цадешарх тарлуш делахь а, цо са дIалучу хенахь цхьаммо Йасин а ца доьшуш, иза валар Iаьткъинера цаьршинна. Иза дIаволларан гIайгIа а йара. Каш даккха а дезара. Иза керстанашка даккхийтича, муха мир дара а, ца хаьара. Каш-м, гIаддайча, шаьш а доккхур дара цаьршиммо. Коша вилла а ма везара. ДIавоьллинчул тIаьхьа коша тIехь Йасин, ЗаIам ца дешахь а, Къуръанан цхьацца айаташ деша а, доIа дан а ма дезара. Уьш цхьа а ма ца хаьара Бецина а, Зезагна а. Уьш а, гIаддайча, тардолуьйтур дара. Доллучул а царна бала бинарг кхин дара. Иза мичахь дIаволла веза цахаар. Бусалба стаг керстанийн кешнашка дIаволла ца магадой, хаьара цаьршинна. Кхузахь бусалбанийн кешнаш дац. Керстанийн кешнашка дIаволлар хьехочохь а дацара. Цхьанхьа къастийна каш а даьккхина, дIавоьллича, иза эрна арахь, хьуьнхахь дIакхоьссича санна, хетар дара, шаьш дуьненахь йоккхучу йерриг а хенахь кийрахь бала хир бара.

Шина зудчо шайгара бала балхийра Николай Трофимовиче. Иза сихха кхийтира цаьршиннах.

– Луларчу йуьртахь дукха хенахь дуьйна бехаш гIeзалойн ах бIе гергга доьзал бу. Шайн белларш дIабухкуш къаьстана кешнаш а ду церан. Велларг дIаволла молла воцуш а хир бац уьш. Суна дика бевза цигара гIeзалой. Шинца доттагIалла а ду сан. Нагахь санна шуьшиъ реза йелахь, царах цхьа-шиъ схьа а валийна, Ахьмад цига дIа а вигна, церан кешнашка дIавуллур ву вай.

Реза муха ца хуьлу? Николай Трофимовича ах бала дIаийцира цаьршингара.

Сихха шина говран салазахь вахана, цхьана сохьтехь ши гIезало а валош йухавеара Николай Трофимович. Царех цхьаъ цигарчу гIезалойн молла вара. Ахьмад дIавуьгуш, Зезаг а йахара цаьрца, кIант мича, муха дIавуллу, хаа лаьара шина зудчунна. Цул совнаха, тIаьхьа цуьнан кошан борза тIехIитта ойла а йара церан.

Дукха хан йалале дIакхелхина Лом-Iела а иштта дIавоьллира оцу гIезалоша.

Шен ойла ца йора Бецис. Цуьнан-м хIинца а ши кIант, ши йоI дара. Царах хиндерг ца хаахь а. И цхьа кIант бен, кхин бер ма дацара Зезаган. Лом-Iелин цхьа шо а кхачале, къона йолуш жоьра йисинчу цо БецигIаьрца цхьаьна йерриг халонаш ма лайнера хIокху тIаьхьарчу шийтта шарахь. Лом-Iела веллачул тIаьхьа шен диъ бер хьаста-м хьовха, цаьрга йелайелла йистхила а, дIахьажа а эхь хетара Бецина.

…Лом-Iела дIакхелхина, Беци а, Зезаг а гIайгIано дIалаьцначу деношкахь дара Iела волчу Зеламха веача. Мухха делахь а, цхьа бIаьргана гуш боцчу ницкъо, Iаламан къайлено Зеламхин дагах тоьхнера генарчу Сибрехь цуьнан доьзална хилла бохам…

XXV корта. Петарбухехь

Оьрсийн халкъе шен маршо йаккхалур йац, цо кхечу халкъийн а маршонехьа ца къийсахь.

В. И. Ленин

1

Россин колониальни Iазапна дуьхьал, шен маршонехьа нохчийн халкъан хIора болам бусалба динах окхура паччахьан Iедало а, официозни историкаша а. Нийсса аьлча, бусалба дин йукъара бехке ца дора цара. Нохчийчохь цхьа болам болабелча, меттигерчу а, столицерчу а зорбанехь шуьйра пропаганда йолайора нохчашна дуьхьал. Кавказехь а, йерриг имперехь а дехачу халкъийн цаьрга цабезам, цатешам кхолла, нохчаша схьалаьцначу новкъа и халкъаш ца довлийта, йа вуьшта аьлча, шайн маршонехьа Iедална дуьхьал уьш ца гIовттийта.

Оцу пропагандин идеян коьрта чулацам иштта бара. Нохчий шайн кхетамца кху заманна генна тIаьхьабисина, иза эзар шо хьалха адамийн хиллачу кхетамца дехаш акха къам ду. Шаьш бусалбанаш бу бахахь а, амма Къуръано а, Мухьаммад-Пайхамаран суннаша а бусалба адамашна тIедехкина декхарш нохчаша аьттехьа а кхочуш ца до. Ша къахьегна ца даьккхинчу рицкъана, нехан долаллина тIе куьг ма кховдаде, боху цаьрга Аллаха а, Мухьаммад-Пайхамара а. Ткъа нохчаша къоланаш, талораш до. Вовшашлахь а, кхечу къомах, кхечу динехь адамашна а. Ша кхоьллинчу адаман са ма даккха, боху Дала бусалба адамашка. Бусалбанан а, кхечу динехь волчу стеган а. Бусалба адам дийначун йалсаманега дог дохийла йац, иза эзар-эзар шерашкахь жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху Дала. Ткъа нохчашна хIумма а доцург хета стаг вер. Вовшийн а воь – нохчо, бусалба. Кхечу къомах, кхечу динехь верг а воь. Бусалбанаш цхьа вежарий а, йижарий а бу, уьш муьлххачу къомах, муьлххачу басахь белахь а, цара муьлхха мотт бийцахь а, боху цаьрга Дала. Царна йуккъехь барт, машар, нийсо хила йеза, боху. Къаьмнаш, тайпанаш, тукхумаш ма къестаде, боху. Бусалба динехь тобанашка ма декъало, боху. Ткъа нохчашна шайна йукъахь а барт, машар бац. Уьш тайпанашка, тукхумашка, вирдашка бекъабелла. Доккхачу тайпано жимачу тайпанна, нуьцкъалчо, хьолахочо гIорасизчунна, къечунна, мискачунна ницкъ бо. Зуламхо сацаве, ца сацахь, цунна таIзар де, боху цаьрга Дала, амма нохчаша иза ца сацаво, цунна шариIатехь дoгIy таIзар а ца до. Шен лаамца хIоттийнчу паччахьна, хьаькамна, Iедална муьтIахь хила, боху Дала, ткъа нохчий даим паччахьна, Iедална дуьхьал бу, цара хьаькамаш бойу. Уьш Делах тешаш а, кхоьруш а бац, белхьара, цара Дала а, Мухьаммад-Пайхамара а бусалба адамашна тIедехкина декхарш кхочушдийр дара. Цундела луларчу бусалба халкъийн а безам, тешам бац цаьрга.

Иза йукъара пропаганда йара Iедалан. Ткъа вукху агIор, нохчийн халкъ Зеламхина дуьхьалдаккха, ца даккхалахь, халкъ цунах дIакъасто Iалашо йолуш, изза пропаганда Зеламхина а, цуьнан тобанна а дуьхьал лелайора Iедало. Нохчийн халкъана хуьлу бохамаш уьш бахьанехь, церан бехкенна ду бохуш.

Нохчийн динадайшца, ларлуш, шатайпа политика лелайора Iедало. Хаьара, церан карахь боккха ницкъ хилар, халкъ церан Iаткъамна кIел хилар. Цхьана aгIop, уьш шегахьа баха гIерташ, церан лерам бора Iедало. Вукху агIор, Нохчийчуьра зуламаш шун лаамца, шун бертахь хуьлу, уьш совцо шуьгахь ницкъ бу, амма шуна ца лаьа уьш совцо, шу зуламхошца бертахь ду, бохура. Нагахь санна аш халкъ Зеламхина а, цуьнан гIеранна а дуьхьал ца даккхахь, шуна таIзар дийр ду бохуш, динадайшна кхерам а туьйсура.

 

Нохчийн динадайша къобал ца дора кхузахь цхьана наха лело зуламаш. Уьш сацам боллуш дуьхьал бара къоланашна, талорашна, кхечу а зуламашна. Бусалба динехь, ийманехь нисло, йукъара хьагI-гамонаш дIайаха, вежарий санна, бертахь хила бохуш, халкъе кхайкхамаш бора динадайша. Халкъан сий дойучу, халкъана бохамаш бечу нахана шариIатехь нийса таIзар де а, бохура цара Iедале. Амма уьш дуьхьал бара Iедало лелочу харцонашна, халкъехь латточу Iазапна, и къуй а, талорхой а бахьана долуш бехк-гуьнахь а доцу халкъ, зударий, бераш, миска нах Iедало хьийзорна.

Амма Iедал шекдара динадайх. Къаьсттана къадари тIарикъатан динадайх. Нохчий кхаа декъе бекъча, лаххара а ши дакъа къадари, йа вуьшта аьлча, Кунта-Хьаьжин вирдехь бара. Зеламхина дуьхьал халкъана йукъахь ша лелочу пропагандех гIуллакх ца хилча, кхин некъ схьалецира Iедало. 1911-чу шеран ноябрехь, лецна, доьзалшца цхьаьна Калужски а, Астрахански а губернешка пхеа шарна ссылке бахийтира къадари тIарикъатан вирдийн уггар гIарабевллачарех цхьаболу динадай – Митаев Баматгери-Хьаьжа, Гайсумов Соип-Молла, Шаптукаев Iабдул-Iазиз, Белхороев БатIал-Хьаьжа, Хантиев Кана-Хьаьжа, Назиров Мохьмад-Молла, Чиммирза-Хьаьжа.

Халкъана йукъахь Iедало эладита даржийра, и динадай лецарна бехке Iедална а, халкъана а бохаме, зуламе ваьлла Зеламха ву, иза шен лаамехь Iедална тIевагIахь а, йа оцу динадайн мурдаша лаьцна Iедале схьалахь а, ссылкера динадай даймахка цIаберзор бу бохуш. Iедало дуьйцучух тешна, цхьаболу мурдаш Зеламха лаца арабевлира, амма Баматгери-Хьаьжас Калугера схьа хабар даийтира, Iедало дуьйцург харц ду, цунах ма теша, шаьш лецарна бехке Зеламха а, обаргаш а бац, Iедал ду, аш Зеламха а, цуьнан накъостий а, лецна, Iедале дIабелча, мегар дац аьлла.

Оцу Iалашонах дог диллинчу Iедало тIаьххьара а кхин некъ лехира. Зеламха тIеэцначу йа тIеэцна аьлла хетачу йарташна луьра таIзарш дар а, Iедална бохкабеллачу йуьртдайн а, Зеламхин чIирхойн а, хьолана сутарчу нехан а гIоьнца иза хIаллаквар а.

2

Балканашкахь тIом бара дIабоьдуш.

Цигахь австро-германин экспансина дуьхьал хIотто союз кхоьллира Антантас а, Россис а. Цунна йукъайогIура Болгари, Серби, Греци, Черногори. Амма оцу союзан коьртехь лаьттачу монархийн династеша а, къоман буржуазис а Антантина а, Россина а ца луучу aгIop – Хонкарна дуьхьал – йерзийра иза.

Хонкаран олаллина кIелхьара Къилбаседа Африкера Триполитиани, Киренаика шен долайаккха Iалашо йолуш, цуьнца тIом болийра Италис. Шеца цхьана союзехь йолчу Россин, Францин бертахь. Масех дийнахь Триполи, Хомс, Дерну, Бенгези, Тобрук дIалецира Италис. Амма Италин кхидIа агрессина сацам боллуш дуьхьало йира Iаьрбийн халкъаша.

Цхьа а тайпа шеко йоцуш, туркойн ницкъ бара 50 эзар салтех лаьтта Италин корпус Iаьрбийн халкъийн гIоьнца Къилбаседа Африкера аракхосса. Амма 1912-чу шеран октябрехь туркошна дуьхьал гIевттира церан олаллина кIелхьара Албани а, Черногори а. Масех де даьлча, Хонкарна дуьхьал тIом болийра Болгарис, Грецис, Сербис. ТIеман хьалхарчу баттахь баккхий эшамаш хилира туркошна. Цунна даккхий бахьанаш а дара. Цхьана aгIор – Италица, вукху aгIop союзникашца – шина фронтехь тIом бан дийзира церан. Цул совнаха, тIеман ницкъаш алсам бара союзникийн. Церан 603 эзар тIемало вара, ткъа туркойн – 412 эзар. TIe, союзникийн эскарш низамехь а, эпсаршца, герзашца дика кечдина а дара. Союзникашна доккха гIo дора тIом дIабоьдучу мехкашкахь дехарш цаьрца цхьана къомах, цхьана динехь, цхьа культура йолуш халкъаш хиларо а.

Ноябрехь союзникаша дIалийцира Европин махка тIера туркойн провинци. Грецин флото, цхьамогIа туркойн гIайреш дIа а лецна, Дарданеллана блокада йира. Болгарин эскарш 35–45 чаккхарма герга даьхкира Истамбулана. Амма туркойн аьтто хилира уьш цигахь совцо.

Антантан союзана ца лаьара оцу тIамехь Хонкара оьшийла, Балканашкахь Болгарин, Грецин, Сербин олалла хIуттийла а. Къаьсттана иза ца лаьара цигахь генна йоьлхуш Iалашонаш йолчу Россина. БIешерашкахь цо сатийсинера Босфорна а, Дарданеллина а, Средиземни хIордана а тIехь шен олалла хIотто. Балканашкара грекаш а, шен вежарий-славянаш а оьрсийн Iаткъамна кIел латто. Хонкаран малхбалехьара дакъа шен дола даккха. Оцу aгIop туркойн эшамаш хилар а, иза хIокху тIамехь гIорасиз хилар а Россина аьтто болуш санна хетара. Амма Балканашкарчу славянийн йозуш йоцу пачхьалкхаш ницкъаца чIагIйелча, уьш Австрин, Германин Iаткъамна кIел йахча, гуттаренна а Россин буйнара маршайовлура. ТIаккха Россис гуттаренна а дог дилла дезара шен исторически сатийсамех, Iалашонех. Цундела Россис хIокху тIамехь герзан ницкъашца гIo ца дора вежаршна-славянашна. Делахь а дуккха а оьрсийн лаамхой бара, грекийн, сербийн, болгарийн эскарийн могIаршка а хIиттина, туркошна дуьхьал тIом беш. Паччахь а, правительство а йуьстахлаьттара оцу тIамна.

ШолгIа-делахь, вежаршна-славянашна гIоьнна оьрсийн эскар а дахийтина, Росси оцу тIамна йукъайахча, Кавказера халкъаш шайн маршонехьа гIовттарна кхерам а бара. Нохчийчоь гIоттург хиларан-м цхьа а тайпа шеко йацара. ТIаккха ламанан важа халкъаш а нохчех дIакхетар дара. ХIокху тIаьхьарчу шина бIешарахь оьрсийн-туркойн тIом мосазза хуьлу иза дина ламанхоша. Нохчий авангардехь а болуш. TIe, даим Россина муьтIахь, тешаме хилла гуьржий а, эрмалой а, азербайджанцаш а карзахбевлла хIокху тIаьхьарчу шерашкахь. Шаьш, Россех дIа а къаьстина, шайн йозуш йоцу маьрша пачхьалкх кхуллу бохуш.

Цундела болгарийн эскарш Истамбулана герга гIоьртича, Россис шена и тIом саца лаар хаийтира цаьрга.

1912-чу шеран декабрехь Антантан долорца Лондонехь хиллачу конференцехь, и тIом сацош, машаре барт бира. Делахь а, кестта и барт бохийра, Истамбулехь правительствон карчам а бина, Iедалан коьрте баьхкинчу младотуркаша. Уьш реза бацара, хIокху тIамехь союзникаша дIалецна Европера Хонкаран провинци цаьргахь а йуьтуш, бинчу бартана. ХIинца, 1913-чу шеран июнехь, туркоша болийра и тIом. Туркойн аьтто болуш а нисбелира иза. Союзникийн барт боьхнера. Барт боьхна ца Iаш, цхьаболчара вовшашца тIом а болийнера.

3

Шийла йара Петарбухехь декабран буьйса. Дуькъа тIедуьллу ло чехкачу махо цкъа хIаваэхь ловзадохура, лаьтта кхаьчнарг лоьллуш тротуарашна а, диттийн баххашна а, цIеношна а уллохь саьнгарш хIиттош, дIагулдора. ТIедиллинчу лайх чекх гIийла серло лора урамашкарчу чиркхаша. Цхьацца гIуллакхашна цIера арабийлина нах, пальтонийн, кетарийн кочмаш хьала а хIиттийна, куйнаш ма-хуьллу кортош тIе а таIийна, дорцаца къуьйсуш, цIехьа сихбеллера. Шайна дуьхьал нисбеллачу нахе, некъ бита бохуш, маьхьарий хьоькхура извозчикаша. Саьнгарш йохуш, меллаша хьалха дIагIертара автомобилаш.

ГIали йуккъехь, Нева йистехь, хазачу архитектурехь йинчу жимачу особнякан библиотекин цIа чохь даарех, маларех йоьттинчу стоьла хьалха, лекха гIовланаш йолчу кIедачу креслош чу а воттавелла, дуьхь-дуьхьал хиъна Iapa ханна воккхо ши стаг.

Лоха, стоммачу дегIара, кIесаркIаг болчохь тIехьа бен месаш йоцуш боккха корта а, дуькъа кIайн цIоцкъамаш а, шуьйра мераIуьргаш йолуш, стомма мара а, йеха кIайн маж а йерг хIокху особнякан да, профессор Петр Иванович Ковалевский вара.

ШолгIаниг векъана, йуккъерчу дегIара, хIетта сирбала боьлла Iаьржа корта а, лергашна лаха кхочуш месала гиччош а, цIeнa даьшна маж-мекх а, аьрзунан зIакарх тера хьаьвзина беха, буткъа мара а берг профессоран доттагI, правительствон къайлахчу кхоалгIачу отделан начальник Алексей Павлович Липранди вара.

Цаьршиннан доттагIалла кхолладелира, и шиъ Петарбухан университетан юридически факультетан хьалхарчу курсан студент волуш. Университет чекхйаьккхича, Кавказехь гIуллакхдан хьажийра и шиъ. Наместникан администрацехь итт шарахь гIуллакх динчул тIаьхьа цхьаьний Петарбухе йухавирзира. Липранди правительствон къайлахчу кхоалгIачу отделе чиновник вахара, ткъа Ковалевский – университетан юрфакан хьехархо. ХIинца Липранди оцу отделан начальник ву, Ковалевский – университетан профессор.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37 
Рейтинг@Mail.ru