Хьалха хьайн омрица тхан йуьртана итт де хан йелира ахь 5104 сом пачхьалкхан налог, гIуданаш такхар а, 100 топ, 2000 патарма, 100 тур-шаьлта дIадалар а, йа герзан меттана 11500 сом такхар а тIедожош. ТIаьхьа йуьртара виъ стаг Iедале дIавалар а тIедожийна ахь. Ши де хьалха, Гати-Юьртана улло а веана, йуьртана тIехула ткъозза йоккха топ а тоьхна, и хьайн омра кхочушдан тхуна кхо де хан йелла, дIавахана хьо. И ахь тоьхна хан тахана суьйранна чекхйолу.
Iедална дIадала а, йа тхаьшна дита а тхан герз доцийла, хаьа хьуна. Доцчу герзана дуьхьал такха тхан ахча а дац, иза хилча а, oхa токхур а дацара. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш йуьртана тоьхна гIуданаш а оха токхур дац. Ахь дIавоьху виъ стаг Iедале дIавалар тхан ницкъ болуш а, бакъо йолуш а дац. Абубакаран Iела цомгаш, къена стаг ву, Сибрехь ткъе берхIитта шo хан а йаьккхина, дукха хан йоццуш цIа веана. Иза йуьртан а, Iедалан а гIуллакхашна йукъа а ца гIерташ, хан токхуш ву. ХортIин Овхьад наггахь бен тхан йуьрта вoгIyш вац. Ткъа Сулимин Хьомсуркъа а, Султахьаьжин Доша а, йуьртара араваьлла, Зеламхин тобанах дIакхетта.
Йуьртана бохам ца баккхархьама, хIуъа таро йина а, 1120 сом пачхьалкхан налог дIатакха хьовсур ду тхо, тхешан аьттоне а хьаьвсина. Oхa къобал а дина, тIелоцур дац аш йамартлонца хаьржина йуьртан Iедал. Оха хаьржина нах бита йуьртан коьртехь. Нагахь санна хIокху тхан сацамна хьо реза вацахь, тхан йурт а йохае, зударий, бераш а дайа, амма тхо дийна а долуш, хьан салташа йуьрта ког буьллур бац…».
Оцу кехата тIехь коьртаниг гатийуьртахой пачхьалкхан налог схьайала реза хилар дара. Важа дисинарш листа хала хир дац. Гира беза мохь охьабиллича санна, дог паргIатделира полковникан. Амма гатийуьртахой чубаьхкича, цо къайладаьккхира царах шен воккхавер. Хьаьрсачу, нилхачу мекхех бай хьажо пIелг а хьаькхна, хьаьжайукъ а хабийна, царна тIевогIавелира иза.
– XIapa дохьуш даьхкина шу? Массо а йуьрто сан омра кхочушдина, ткъа аш… XIapa хьенан бехк бу? – гатийуьртахойн кехат СаьIадан мера кIел оьхьура цо. – Йуьртан бертаза ас йуьртан коьрте хIиттийча, аш бина дика болх хIара бу? Сан омра кхочушдаран меттана, цунна дуьхьал оцу мезийн тIуьйлигийн ультиматум йохьуш даьхкина шу? Кхин ницкъ боцуш ду шу? Йа кIилло ду? Йа цаьрца бертахь ду? Сан омрин цхьа хьаьрк аш кхочуш ца йеш йитахь, ас шун йурт а йагор йу, йуьртан коьртехь волу шу пхи стаг Сибрех а вохуьйтур ву!
Галаев, шеко йоцуш, къиза а, бекхаме а стаг вара. Амма хьеший, дуьхьал дош ца олуш, шекбоцуш хIиттина лаьттара. Царна дика йевзара полковникан буьрса амалш. Уьш хийца дарба а, цуьнан мела меттигаш а хаьара. Цуьнца гIуллакх тахана дуьххьара ма ца Iоттаделлера церан. Цундела, шен дог Iаббалц иза бага йетта а витина, тIаккха вистхилира оцу кхааннах уггар мекара, дипломатан корматалла йолу совдегар Iабди:
– Хьан оьздалла, баккъал а аьлча, гатийуьртахойн ницкъ бац хьан омра дуьззина кхочушдан. Хьайн омри тIехь ахь тIедожийна ахча вовшахтохалур дац йуьртана, иза кхузза йоьхкича а. Цхьа масех мокхазан топ а, иттех тур а доцург, кхин герз дац йуьртахь. Шаьлта-м xIора боьршачу стагехь йу. Ахь дIавоьхучу веа стагах лаьцна цара йаздинарг а бакъ ду…
– Хьайн ваша царна йукъахь хиларна тIетайна хьо?
– Ца тайна. Шаьш дуьненахь болуш сан да а, вежарий а реза ца хилла Овхьада йуьхьарлаьцначу некъана. ХIинца со а вац. Тхойша, ши мостагI санна, хан токхуш ву. Коьртаниг кхин ду. Тхойшиннан дахаран некъаш тайп-тайпана ду. Иза политик ву, со – совдегар. Наггахь йуьрта вогIий, дукхахьолахь суна ца гуш дIавоьду иза. Хьан оьздалла, тахана Гати-Юьртахь хIоьттина хьал кхераме ду йерриг округана а. Нагахь санна отрядаца хьо йуьрта гIортахь, цигарчу наха луьра дуьхьало йийр йу…
– Ой! ХIинцца ву-кх хьо, цаьргахь масех мокхазан топ йоцург, кхин герз дац бохуш. Сан отрядана дуьхьало стенца йан бохку уьш?
– Тоьпаш цахиларх, дуьхьало йан кхин герз карор ду царна. Масала, шаьлтанаш, шаданаш, дагарш, белаш, хьокхий. Тхуна хиъна, нагахь санна Гати-Юрт гIаттахь, цунна гIоьнна гIовтта луларчу йартийн барт хилар. ТIаккха и ун йерриг а округе даьржар ду. Цуьнан шеко йац. Цул совнаха, тхоьга къайлах хаам кхаьчна, Зеламхин гIеранах дIакхетта тхан йуьртара Сулиманов Хьомсуркъа а, Султахьаьжиев Доша а йарташна таIзарш деш лелачу хьан салташна тIелата обаргийн а, кхечу зуламхойн а йоккха гIера вовшахтухуш ву бохуш…
Полковник цавашаре велавелира.
– Со кхеро гIерта хьо? Оцу сагIадоьхургех кхераваллал кIилло а вац со!
– ХIокху Нохчийчохь массарна а хаьа, хьо кIилло воцийла. Кхерамах а, зуламах а ларвалар кIиллолла йац. ХIокху деношкахь ЧIебарларчу йарташна тIехь ахь динчу луьрачу таIзарша а карзахбаьхна нохчмахкахой. Хьуна нийса дерг ала лаахь, xIapa ахь куьйгалла до округ молханах дуьзначу шелигах тарйелла. Цхьаммо тIе суй кхоссахь, эккха кийчча долчу. И суй Гати-Юрт хиларна кхоьру тхо. Нагахь санна хIокху округехь мятеж хилахь, хьуна бохам хиларна а кхоьру. Гатийуьртахойн ультиматум йохьуш ца даьхкина тхо. ХIоьттина хьал ма-дарра хьуна довзийта а, хьо зенах-зуламах ларван а, хьох дагадовла а даьхкина. Пачхьалкхан налог шаьш дIатокху, боху гатийуьртахоша. ГIуданаш шайна тIе шайн бехк-гуьнахь а доцуш тоьхна, уьш такха реза дац шаьш, боху. Йуьртахь долу герз шадерг дIадала реза бу нах. Ткъа ахь дIавоьху виъ стаг, и йурт сийначу цIарах йагийча а, шаьш дийна а долуш ахь дIавуьгур вац а, боху цара. Ахь мел кхерамаш тийсарх, мел луьра таIзарш дарах шайн карахь долчул совнаха герз схьадала ницкъ бац нехан. Цундела и айхьа йуьртана тоьхна гIуда дIадаккхахьара, йуьртахь долу герз дIаделча, ахь тоам а бахьара, и виъ стаг Iедале дIa а ма вехахьара, xIapa гIуллакх бохаме ца доккхуш дIа а дерзадахьара ахь аьлла, дехаре даьхкина тхо.
Полковникан дагахь дерг доьшуш санна дуьйцура Iабдис. XIapa гIуллакх иштта машаре дерзо шена мел чIогIа лаахь а, сихха резахилла, царна тIеверза а ца лаьара цунна.
– Налог схьа маца ло шун наха?
– Кхана делкъале Ведана-округан казне охьайуьллур йу. Ша долу герз а цига дIадохьур ду оха.
– И шун дош кхочушдийр дуй ткъа йуьртахоша?
– Цхьа а тайпа шеко йоцуш. Цара и дош делча бен, схьа ма ца даьхкина тхо.
– Дика ду. Нагахь санна хIокху бартах шу дохахь, кхана делкъале шайн дош аш кхочуш ца дахь…
– Дийца а ца оьшу, хьан оьздалла, тхо кхеташ ду. Баркалла хьуна!
– Дала дукха вахавойла хьо! – тIетуьйхира Хьуьсас.
Цара ца дийцира полковнике налог а, герз а шаьш иттех стага шайн кисанашкарчу ахчанах токхуш хилар а, гатийуьртахоша шаьш кхерор а.
Полковнике куьйгаш а делла, шаьш арадовлуш, Iабди тIаьхьасецира.
– ХIокху сингаттамо хьал-де хатта меттиг а ца балийти. Доьзал муха бу, могаш буй?
– Далла бу хастам, дика Ia уьш.
– Суна-м цкъа бен ца гина хьан хIусамнана. Iаламат чIогIа гIиллакхехь, оьзда адам ду иза. Цо сайна дина хьошалла ца дицло суна. Соьгара маршалла а ло цуьнга. Дукха хан йоццуш Петарбухе вахча, цунна лерина хIара жима дашо мидал эцнера ас, – кисанара схьадаьккхина, жима бархатан гIутакх дIакховдийра Iабдис. – Ткъа хIокху халчу заманахь доьзална оьшург алсам хуьлу. ХIара совгIат хьайна дIаэцар а доьху хьоьга…
Полковникан кисана, йукъахь ахча а долуш, йовлакхан шад таIийра Iабдис.
– ХIун до ахь, Iабди! Зудчунна совгIат ша ду, ткъа xIapa кхаъ эцар ма ду!
– Уьш вайна йукъа ца догIу, хьан оьздалла. Уьш дийцича, вайн доттагIаллина йукъа херо йогIу. Баркалла хьуна, хьан оьздалла. Дала зенах-зуламах ларвойла хьо! Iодика йойла хьан!
Iабди араваьлча, йовлакхан шад а баьстина, ахча дагардира цо. Иза цкъа а шалха а кагдаза, ши эзар сом дара…
***
ТЕРКАН ОБЛАСТЕРЧУ КЪАЬМНИЙН ДЕПУТАТА
ЭЛЬДАРХАНОВ ТАЬШТАМАРА 1906-чу ШEPAH 23-чу ИЮНЕХЬ
ПАЧХЬАЛКХАН ДУМЕХЬ ДИНА КЪАМЕЛ
«Шодмаш, тоьпаш йетташ, ахархойн кхетам артбан, бен гIертачу маршонехьа кхузаманан боламан чаьлтачийн цIерашна уллохь дуьххьара йаха йолийна Теркан областан ламанхойн цIераш. Церан къеллех, бIаьрзаллех пайда а эцна, Iедало Iехийна, йолах помещикийн бахамаш ларбан, эшамца а, бакъонаш йахарца а, бохамехь а цигарчу шайн вежаршна, къечу ахархошна тIехь суд а, таIзарш а дан Россе бигна нохчий а, хIирий а. Мотта тарло, цара хазахеташ цIий Iенадо, церан халкъийн цIийга сутаралла а йу. И хабарш а, мотт-эладитанаш а харцдарца Пачхьалкхан Думе оха дIахьедо Кавказан ламанхоша машаречу, маьршачу дахаре даим дIа сатуьйсуш хилар а, къайлах а, даррехь а церан цхьана а къомаца мостагIалла а, атталла хIaгI-гамо а цахилар а, шайн кхетам бацарна чаьлтачийн, черносотенцийн и эхье декхарш кхочушдечу оцу цхьакIеззигчу шайн кIенташца маршо йезачу ламанхойн йукъара хIумма а цахилар а. Оха доьху шуьга, оха тIедожадо шуна, ламанхой оцу эхьечу гIуллакх йукъаийзор сацор а, цига дIабигна декъаза нохчий а, хIирий а шаьш бинчу йарташка йухаберзор а…».
***
БИСМИЛЛАХIиР-РОХЬМАНИР-РОХЬИЙМИ!
ПОЛКОВНИКЕ ГАЛАЕВГА
Нагахь санна паччахьан законашна хIуъу дан мега хьуна моттахь, xьaн коьртан хье чуьра хьано кхачийна. Бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзо эхь ца хета хьуна? ХIун бехк бу ахь хьийзочу зударийн, берийн? Дерриг халкъана а, хьуна а хаьа Веданахь хиллачунна бехке хьо цхьаъ хилар.
ХIай хьаькамаш, суьдахой! Аш кхел нийса ца йо. Бехк-гуьнахь доцу зударий, бераш набахтехь латтадо, Сибрех хьийсадо. Стигала довла тIемаш дац шун, лаьттах дола мIapaш йац шун! Йа даим гIопaн пенаш тIехьа левчкъина Iен ойла йу шун? Сан бекхамна кIелхьардевлла даха меттиг ма бац шун!
Со Зеламха ву, халкъ лардеш, халкъан цIарах бекхам оьцуш. Бехкенаш бойуш, бехкебоцурш дийна буьтуш. Законаш цаталхор доьху ас шуьга, законаш цаталхор лоьху ас шуьгара. Ткъа аш, харц тоьшаллаш гулдеш, талхадо уьш. И харцонаш лелорна цкъа дохкодевр ду шу.
Стигала хьалахьаьвсича, хуур ду шуна, иза ницкъ болчу Делан карахь хилар. Аш а боху, Дела ницкъ болуш ву. Амма и ницкъ болу Дела соьгахьа ву. Цо гIo до суна бакъонца бекхам бан, ас мел дийриг Цуьнан лаамца ду. Ша реза верг дан дагадеача, суна гIо до Цо. Ша реза воцург дан суна дагадеача, со дохковоккху Цо. Ас мел дийриг АллахIан дуьхьа ду, АллахI, пайхамар, шариIат доцург, цхьа а паччахь, Iедал, закон къобал ца до ас. Пачхьалкхан хазнера дерриг ахчанах эскарш а гулдина, тIаьхьадовларх, со карор ма вац шуна! Шуна гергахь ву моьттучу хенахь генахь хир ву со, генахь ву моьттучу хенахь уллохь хир ву.
ХIей хьаькамаш! Шу адамаш ма дац, боьха йовсарш ма йу шу! Сан мостагIалла шуьца ма ду. Машаречу оьрсашна зулам ца до ас, бохам ца бо ас. Адамалла дац шуьгахь, акхаройл къиза, стешха, йамарт ду шу.
ХIай полковник! Вай кхоьллинчу Делан дуьхьа, хьо вазвинчу Делан дуьхьа, суна а, халкъана а йуккъехь мостагIалла кхолла ма гIертахьа! Зударий, бераш ма делхадехьа! Айхьа царна дечу таIзарна, церан бохамашна, баланашна царна хьалха со бехке во ахь. Ткъа цара: «Дала хIаллаквойла иза!» – бохуш, сардамашца суна неIалт кхайкхадо. Уьш бехке ма бац. Хьуна дика ма хаьа, со бехке веш айхьа муьлхха а стаг лаьцна, набахти кхоьссича, Сибрех вахийтича а, цуьнан наха соьца мостагIалла лелор дуйла. Тхо хIинццалц машаре, бертахь даьхнера: сайна динчу диканна дуьхьал дика а деш, вонна дуьхьал изза а деш.
АллахI къинхетаме ву, цо ларвойла хIара кехат доьшург!
***
ПОЛКОВНИК ГАЛАЕВ!
Хьоьга тIаьххьарчу хIокху сайн кехата тIехь йаздийриг АллахIан гIоьнца кестта ас кхочушдийриг хиларан цхьа а тайпа шеко йац.
Хьо санна полковник хиллачу Добровольскийна ас динарг дика хаьа хьуна. Ас бехке во хьо:
1. Ахь законаш талхош, адамашна ницкъбарна а;
2. Со бахьана а лоьцуш, ахь данне а бехк-гуьнахь доцу адамаш Сибрех хьийсорна а.
Ас йуха а боху хьоьга, цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцуш айхьа лецна, чубоьхкина нах маршабаха. Ахь уьш марша ца бахахь, гаур, сан бекхамах кIелхьарвер вац хьо. XIappa къамел шега дича, Добровольский ца кхийтира сох, хIинца хьо а ца кхета. Амма ас кхетор ву хьо, гаур. Сан цIарах бехк-гуьнахь доцу адамаш хьоьга дойуьйтур дац ас, гаур. Хьуна ма хаьа, ас эрна дош ца олий. Ас кхочушдо сайн дош.
Нагахь санна со, ГушмацIин Зеламха, дийна висахь, хьайн зудчунна уллора аравала ца ваьхьаш, цIа чохь хьатI оьхуьйтур ду хьан, жIаьла! Хьо кIиллоне, кхахьпане шарбал чохь хьатI оьхуьйтур ду ас, тIаккха, жIаьла санна, вуьйр ву.
Хьуна, со Туркойн махка дIагIур ву, моьтту, боху. ХIан-хIа, кхахьпа, иза хир дац. Шу чагIалкхех ведда, Туркойн махка а вахана, сайна и эхь дийр дац ас. ГIахь а, хьо вийна бен гIyp вац. Ахь лелориг дерриг хууш а, гуш а ву со. Хьо полковник ма вац, хьо нахаца лела кхахьпа ма ду.
Айхьа лецна. бехк-гуьнахь доцу нах маршабаха, тIаккха ас дийна а, маьрша а вуьтур ву хьо. Амма ахь иза ца дахь, йийсаре вигна, къиза вуьйр ву хьо.
Гушмазукаев Зеламха
ХII корта. Бекхам
Iедало халкъана тIехь къизалла латтайора, ткъа обаргаша цунна дуьхьал Iедалах къизаллица бекхам бора.
А. Шерипов
1
Полковник Галаев жерге хьоьжура кхузарчу бахархошка. Цуьнан бIаьргашца хьаьжча, иштта бара нохчий: даьшна кортош а, чоьш хьийзина, хьакхарша хьанйина мажош а, бетан шиний агIорхула охкаделла мекхаш а, цкъа а ца хуьйцуш лело модаша дуьзна духар а долу боьрша нах; ах хьаж дIахьулдеш къевлина йихкина Iаьржа чухтанаш а, коьртех хьарчийна даккхий корталеш а, цхьана агIор йух хьала а оьзна, шарбалан борчах таIийна йеха кучамаш а, хьоркешкахь когаш хабийна шуьйра шарбалш а йолуш, даим гIайгIане, кхоьлина хуьлу зударий а; мерах охкайелла мершаш а, царна хьекхна тIе айр лацаделла куьйгийн тIеш а, кучийн пхьуьйшаш а долу божабераш а. ГIопера араваьлча, урамехь, базарахь, некъахь шена гина массо а нохчо йа обарг, йа обаргийн бартахо, лаххара а – Iедалан мостагI хетара цунна. XIокху нохчех, цаьрца йацахь а, кхеллин хьожа йогIура, уьш гича, дог хьалагIертара.
Полковник ша хIири вара. Хьанна хаьа, ламанца бехаш болу цуьнан хIирий хила мегара цунна шен бIаьргашца гуш болу нохчий санна, бодане, тIелхагбевлла, мезех а буьзна, кхеллин хьожа а йогIуш. Цуьнан ден да а, да а Моздокехь гIалагIазкхашна йуккъехь ваьхнера, церан йоллу бакъонаш а йолуш. XIapa ша а цигахь винера, кхиънера, цунна шайн хIирийн дахар ца девзинера.
Зеламхас Ведана-округан начальник хилла подполковник Добровольский вийча, цуьнан метта схьаваийтинера Галаев. XIapa ламанхойн цIийх а, ламанхойн гIиллакхаш, амалш йевзаш а хиларна. Уггар коьртаниг – хIара къиза а, бекхаме а стаг хиларна. Добровольский цкъа гинера цунна. Цкъа гича, тоьуш дара иза ма-варра вовза. ТIехьаьжча нелах тера, хьекъална аьрта, сутара бIаьргаш. Шен аьтту куьг хиллачу Черновгахула цо йуьртдайшкара кхаьънаш оьцура, и шиъ къуйн а, талорхойн а гIеранашца бертахь вара, цара шаьш йаьккхинчу хIонцах цушинна дакъа дора бохуш, дуьйцура цунах. Хьанна хаьа, Добровольскийна оцу хIонцах тоьлла самг кхочуш хилла хила а тарлора. Мухха делахь а, ша кхузахь округан начальник волуш, Добровольскийс цхьа а обарг а, воккха зуламхо а ца лаьцнера. Амма цхьа кега-мерса бехкаш девллачу мискачу нахах йуьзна хуьлу, бохура, кхузара набахте. Галаевна хетарехь, Зеламха обарг валарна а, иза Iедална бале валарна а бехке Добровольский вара. Хорачан а, МахкатIан а йуьртдайшкахьа а ваьлла, цуьнан доьзал хьийзийна. XIapa дуй баа ваьхьар вара, Добровольскийн а, оцу шина йуьртден а йукъаметтигаш цIена хилла йац аьлла. Черновгахула кхаъ эцна хир бара. ХIумма а кIезиг а ца оьцуш. Амма и шен сутаралла марахйаьлла подполковникна.
Ша малик ду, ца боху Галаевс. Амма кхечаьрца вуьстича, мелла а ша цIена хета. Кхузахь урядникана тIера хьала областан начальникна тIекхаччалц, массо эпсар а, чиновник а кхаьънаш оьцуш, йа нуьцкъах йоккхуш, йа къола деш ву. Царах къеста xIapa чIамара а вац йа малик а дац. Цуьнан а бу доьзал. Зудчунна а, берашна а тIедуха а, когадуха а хазаниг, даа мерзаниг деза. Шина кIанте дешийта а деза. Ша санначеран санна, дика цIенош а деза. Хьанна хаьа, цхьа бехк тIе а кхоьллина, даржах вохийна, йуьстахкхуссур а. Ткъа къаналлех кIелхьара ца волу цхьа а. ТIаккxa сагIадоьхурган хьолехь ваха а, вала а ма ца лаьа цунна. ТIаьхьалонан ойла а йо. Шена ахча мел дукхадезахь а, иза ларло. Шел хьалха хиллачу начальнико санна, массаьргара а мерцхалгаш ца лехьайо. Шa оьцург йоккха оьцу. Шена тешамечу масех стагехула. Царах къаьсттана цунна тешамениг Гати-Юьртара совдегар ХортIаев ву. Хьекъале, цхьогал санна, мекара, амма цунна а, Iедална а тешаме стаг.
Галаев кхузахь кхечу новкъа ваьлла, округана тIехь куьйгалла деш. Тешамечу новкъа. XIapa шен жимачу гарнизонца лаьмнашкахула, хьаннашкахула обаргашна тIаьхьатоллуш ца лела. Обаргийн а, церан зударийн а гергарчу нехан къамкъаргаш шен буйна къевлина. Веданара набахти цкъа а йаьсса ца йуьту цо. Схьа а лоьцуш, нах тIекIел оцу чу теIабо. Кегийчу берашца цхьаьна зударий а. БIe шаре бевлла къенанаш а. Оцу чохь йетташ, ницкъ беш, хьийзабо. Шайн гергара разбойникаш болу меттигаш йийца, уьш Iедале схьало, бохуш. Аш иза ца дахь, ша xIoкху набахтехь дахкор ду, мацалла дойур ду шу, бохуш. Йа ваханарг йуха ца вогIучу Сибрех дIахьовсор ду, бохуш. Шайн зударшца, берашца цхьаьна.
Барта и кхерамаш тийсина ца Ia полковник. И кхерамаш цо къинхетамза кхочушбо. Цул хьалха хиллачу администрацис зуламхой деккъа шайн догIмашца Сибрех бохуьйтура. Шайна тоьхна хан чекх а йоююю…ккхий, йа и чекхйалале бовдий, цIа а богIий, обаргийн, къуйн, талорхойн гIеранех дIакхетара уьш. Оцу уьнна дуьхьал дарба карийна Галаевна. Зуламхо шен берриг а доьзалца Сибрех вохуьйтура цо. Деца-ненаца, зудчуьнца, кегийчу берашца цхьаьна. Цигара ведда, иза цIа ца ваийта. Цаьрца цхьаьна вадалур ма вацара иза. Ткъа шен хан а йаьккхина, цIа веача, зуламхочун хьалхалера барзалла тIепаза йовра. Иза, чуха санна, эсала хуьлура. Доьзалца цхьаьна ша Сибрехь чекхваьлла жоьжахате ца йицлора. Хаьара, шех цхьажимма а бехк баьлча, ша йуха а оцу жоьжахате дIахьажор вуйла. Доьзалца цхьаьна.
Кхечу агIор а болх жигарабаьккхинера Галаевс. XIapa-м цунна дуьххьара дагадеана а, цо дуьххьара деш а дацара. Оьрсийн инарлаша бIешерийн дохалла нохчашлахь лелийнарг, кхиамца зеделларг дара. Массо а йуьртахь къайлах айкхаш бу цуьнан. Айкхаллин мехалле хьаьжжина, царна мах ло цо. Ткъа xIapa нохчий ахчанна сутара бу. Айкхаша разбойник волу, йа вoгIyp волу меттиг йийцича, салташца воьдий, йа цIеххьана гуо бой, йа хьалххе кIело йой, схьалоцу. Иштта схьа а лаьцна, цо ирхъоллийтина Зеламхин гIараваьлла накъост, дишнийн Мехка. Зеламхас чIир кхайкхийна Галаевга. Амма, Добровольский санна, корта боцуш вац иза. Цунна хаьа xIoкху округехь Зеламхас а, цуьнан гIеранах наха а дIа мел йоккху гIулч. Массанхьа а Зеламхина доьгIна борз лоцу гураш ду цуьнан. ХIокху областера Iедал даим дIа кхерамна кIел латтош волу и къармазе разбойник, цо схьа а лаьцна, когех-куьйгех буржалш а тоьхна, Соьлжа-ГIала дIавуьгур волу де гена дац. ТIаккха цуьнан белшаш тIехь инарлин погонаш хир йу. Хьанна хаьа, областан начальникан дарж ца лахь а, цуьнга гIоьртташ лакхара дарж лур ду цуьнга.
Ша дика ойла а йина, округа тIехь куьйгалла дан къастийнчу некъана йуьстахвийла дийзира цуьнан дIадаханчу Iай. Къоланаш а, талораш а, адамаш дайар а ун хилла даьржинера областехь. Къаьсттана Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Царалахь а къаьстана – хIокху Ведана-округехь. Кхузарчу кхузткъа йуьрто сацам боллуш дуьхьало йинера Iедална муьтIахь хила. Iедало хIиттийна йуьртдай, къаной, къеданаш дIа а баьхна, шайггара кхин хIиттийра. Пачхьалкхан налогаш, кхиболу текхамаш бан дуьхьало йора. Цхьаццанхьа йуьртдайн канцеляреш йохош, йагош меттигаш хиллера. Пачхьалкхан долара латтанаш дIалецнера, хьаннаш хьоькхура. И зуламаш совцор, пачхьалкхан декхарш такхийтар, герз схьадаккхар, халкъ карзахдаьккхинчарна таIзар дар, округехь низам хIоттор тIедиллинера цунна областан администрацис. ДIадаханчу шеран августехь операци йолийра Галаевс. Амма цуьнан кхиам ца хилира. XIapa шен отрядаца йуьрта вогIийла хиъча, мятежникаш, шайн доьзалшца бовдий, хьаннашкахь къайлабовлура. ТIаккха оцу гIуллакхна исторически зеелла хан къастийра администрацис. Iаьнан уггар шийла хан. ГIа охьадоьжна, хьаннаш йерзина йевлла хан. Бовда а, бевдча, къайлабовла а, къайлабевлча, цхьана дийнахь сарралц а цаьрга сатохалур доцу цIемза, шийла хан.
Ноябрь чекхболуш, шеца гIашсалтий, гIалагIазкхийн дошлой, ламанан артиллери йолуш, ЧIебарларчу йарташна таIзар долийра цо. И боккха тIеман ницкъ шайна тIететтича а, цара дуьхьало йора Iедална муьтIахь хила. Къаьсттана карзахйевллера МакIажа, Нижала, Хой, Нохчкела, кхин масех йурт а. Амма Галаевс царна марахйаьккхира церан къармазалла. Герз, налогаш, контрибуци охьайахкийтира. Масех бIе стаг, лаьцна, набахти кхоьссира, тIаккха дукхахберш Сибрех бахийтира. Пачхьалкхан такхамаш бан ницкъ боцчу бахархойн керташкара даьхни, йийбарш дIайаьхьира нуй хьаьккхина. Коьртачу питанчийн цIенош дагийра. Салташа а, гIалагIазкхаша а, талораш деш, дIалахьийра жимма а мехала йолу массо а хIyмa. ТIаккха дIатийра и йарташ. Галаевна дика йевзинера хIокху нохчийн амалш. Шайна дуьхьало ца йича, цкъа хецабелча, хьере хьайбанаш санна, карзахбовлу xIоpш, амма ницкъ гича, атта кхерало. ХIокхеран тIаьхьенашна а дагахь йуьсур йу цуьнан буьрса цIе!
Кхузара нохчий ца безахь а, амма Iалам дукхадезара Галаевна. Даим дIа тIехь ло хуьлу ира баххьаш мархех чекхдаьхна лаьтта Веданна къилбехьара лекха лаьмнаш а, церан когашкахь, даккъашца, раьгIнашца йолу къена хьаннаш а, Iаьржа бос бетталуш сирла, шийла, чехка Хулхуло а. Цаьрга хьежа ваьлча, цунна бицло шена гонаха хаддаза лаьтта кхерам, шега мостагIаллица хьуьйсу кхузара адамаш а. XIоpa дийнахь, Iуьйранна ша балха вахале, гIопан бешарчу чуьйнан когаш долчу дехачу гIанта охьа а хуий, цигаьрка а уьйзуш, ца Iебаш цу исбаьхьачу Iаламе хьоьжу Галаев. Бес-бесарчу зазанийн хьожано дуьзначу цIенчу хIавао цхьа тамашийна дарбане там бо цуьнан дагна. Кхузахь ша цхьана масех шарна къонлуш санна хета цунна.
Кхузахь цхьа а тайпа кхерам бац цунна. ХIокху aгIop бешана гонаха тIулгийн лекха пен бу. Цунна дехьа aгIop – лекха берд. Оцу берда кIел кIорга боьра бу. Цул дехьа – шуьйра, йаьсса Хулхулон тогIи. ХIокху агIор тIевогIу стаг цкъа оцу тогIех чекхвала веза. ТIаккха кIоргачу боьран цхьана агIонах чу а воьссина, вукху агIонца хьалавала веза. Ткъа и берд, ког гIорто а, куьг таса а меттиг боцуш, нийсса ирх, шера, лекха бу. Цхьанна а ца гуш, пенна тIекхаьчча а, лами хIоттийна, йа пена тIехь волчо муш кховдийна ца ваьккхича, хьалавалалур вац. Ткъа Галаевс садоIучу хенахь и пен а, боьра а тогIи а сема ларъеш салтий хуьлу. ХIаваэхула тIомаваьлла вогIург а, топ тоьхна, чувожор волуш.
2
ХIокху кIелонехь Зеламха хиъна Iен ши сахьт сов хан йу. Цунна хаьара, догIа догIуш, цIемза де ца хилча, хIора Iуьйранна бархI сахьт долуш, гIопан бешарчу гIанта тIехь Галаев садоIуш хуьлий. Цкъа хьалха шиний aгIop лаьттачу моан дитташна йуккъехула дIа болчу гIашлойн новкъа мосазза а дIасавоьдура иза, наггахь чаболахь воьдура. ТIаккха, цигаьрка а уьйзуш, цхьана сохьтехь оцу гIанта хуий а Iай, шен канцеляри дIавоьдура.
Малх кхеттачул тIаьхьа кхуза веача а тарлора Зеламхин. Йуькъачу хьуьнхахь адамаш ца хуьлура. Амма ларвалар эрна хир дац. Хьанна хаьа, дечиге йа талла веанчунна тIенислахь а. Адамех-м xьoвxa, акхаройх а, олхазарех а тешам байнера цуьнан. Цундела, сатоссучу хенахь Iуьйран ламаз а дина, атталла гIашлойн некъашна а йуьстах вуьйлуш, хьун йуькъа йолчухула кхуза веанера иза.
Кхузара дIа шера го гIап а, беш а, гIант а. Зеламхина дика йевза йерриг гIап а, канцеляри а, набахти а. ЗеламхагIеран доьзал чекхбаьлла оцу набахти чухула. Иза ша а, ГушмацIа, Хаси, Солтамурд, Iелаха, Iизраил, Беци, Зезаг а. Жима Муслимат а.
ХIокху масех шарахь Зеламхина цхьана минотана а ца дицделла Чорнис шена тоьхна тIара. Цо жимачу Муслиматца цхьаьна Бецига набахтехь йаккхийтина кхо бутт хан а. Шен къеначу ден ден БIаьхон Добровольскийс озийна маж а. Шайн доьзал цара йуьртах баккхар а. ХIинца йаьсса йу церан ков-керт. Гонахара керташ, ширйелла, йахкайелла, охьахирцина. ЦIенойн неI-кор а хьостамашца дIакъевлина. Тховх хьалаболуш кIур а бац. Кертара арадолуш бежана а, газа-уьстагI а дац. ЖIаьла лета а, нIаьнеш кхойкху а ца хеза. Кешнаш санна, тийна, шийла, гIайгIане йу церан керт-ков.
Добровольскийх бекхам эцна цо. Амма шена дагахь боккха дагахьбаллам а буьсуш. Добровольскийца цхьаьна гIoпepa цхьа хьаькам а, масех салти а вийра. Иза цуьнан лаамза хилира. Салтий шена тIе тоьпаш йетта боьлча. Салтий байа-м цхьа бахьана а дара. Оцу дийнахь Добровольскийца цхьаьна тачанки тIехь хилла эгIашбатойн СаркагIеран кIант а велира цуьнан карах. Йалхитта-вуьрхIитта шо долуш жима кIант ма вара иза. Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн ишколехь доьшуш. Зеламхина бевзаш ма бара СаркагIеран доьзал. Иза оьзда доьзал ма бу. ЗеламхагIарна а, царна а йуккъехь, мостагIалла-м хьехор а дацара, атталла цхьа а тайпа xьaгI-гамо а йацара. Мелхо а, оцу кIентан воккхахволу ваша ИбрахIим-бек хIокхуьнан хьаша а ма вара. Лаккхара оьрсийн дешар а дешна, хьекъале, оьзда стаг ма ву иза. Зеламха санна, хIокху Iедална дуьхьал обарг ваьлла лелаш вацахь а, иза бIаьрга дан ца дезаш. Шен халкъах дог лозуш а, цуьнгахьа гIo доккхуш а, цуьнгара гIайгIа-бала шен ницкъ ма-кхоччу байбан гIерташ а ву. Шен ницкъ ма-кхоччу хIокху Iедалан харцонашна дуьхьал къуьйсуш а ву. Зеламхин де доьхначу хенахь цунна дукха гIо дина стаг а ву иза. Зеламхина цкъа а ца вицло лаамза шен карах велла и жима кIант. Сих-сиха гIенах а дуьхьалхIуьтту…
Зеламхин лаамза дуккха а мостагIаллаш тIеэгна цунна. Кхин тIе ца хилча а, ЭлсангIарца дерг а тоьар ма дара царна. ЧIир дуьхь-дуьхьал нисйеллачул тIаьхьа а царах стаг вийна. Цул совнаха, цхьа ладам боцчу хIуманна тIехула царах цхьа зуда а йийна. Цхьана дийнахь ГушмацIа а, Зеламха а, Солтамурд а Хорача цIа богIуш, шайн кха тIехь асар деш болчу ЭлсангIеран зударшна тIенисбелира хIорш. ГушмацIа тIаьхьависина вогIуш вара, хIара шиъ хьалха тIекхечира. ХIорш уллохула тIехбовлуш, сардамаш доьхуш, теза-маьттаза багош лейан буьйлира зударий. ТIаккха хIокхарна тIе тIулгаш кхийса а буьйлира. Хаза аларх а уьш ца севцча, вист ца хуьлуш хIара шиъ дIаволавелча, ГушмацIа тIекхечира. Собар доцчу, цIий сихачу ГушмацIас зударшна йукъа тоьхна топ а кхетта, цхьаъ йелира. Топ йолуш а хезна, ЭлсангIарах кхо стаг, герз а карахь, оцу тIе кхечира. Вовшашна герз детташ, оцу кхаанна чевнаш йира ЗеламхагIара, хIокхарах цхьаннах а цIий а ца делира. Цул тIаьхьа дукха хан йалале къена Хьамза вийра ЭлсангIара.
И цхьаболу бохамаш ГушмацIин дералла а, сихалла а бахьана долуш хиллера церан доьзална. ХушуллагIаьрца дерг а, захало а деш, машарца дерзо гIоьртира Зеламха. Амма ГушмацIа карзахвелира. Цара вайна эхь дина, Зезаг нуьцкъах схьа а йаьккхина, цIa ца йалайахь, вайна тIехтохам хир бу аьлла, шеца хIорш а буьгуш, ЭлсангIеран керта иккхира.
ХIинца кхо мостагIалла ду царна тIехь. ЭлсангIеран а, эгIашбатойн а, дукха хан йоццуш беношца хилла а…
3
ЧIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, цIенчу даггара Далла Iамал йеш а вара Зеламха. Шена хууш, Дала бусалба адамашна хьарам динчу, къилахь леринчу гIуллакхех а, гIиллакхех а чIогIа ларлуш а вара. Шайн доьзална хиллачу бохамашна йуьхьанца бехке бора цо захалонна йукъагIоьртина нах а, Iедал а. Амма оцу хьокъехь Соип-Моллица шен къамел хиллачул тIаьхьа, цхьадолу бехкаш шариIатан некъашна тIера ваьлла леллачу шен хиларна къера а вара, ша динчу дуккха а гIуллакхашна дохко а ваьллера иза. Деле шена гечдар а доьхура цо хIора шен ламаз тIехь.
Амма хилларш а, лелларш а, иза дохковийларх, цунна лаарх, йуха нислур доцуш, дIадевллера. Машаречу дахарна тIе цунна йуханехьа некъ ца битинера Iедало а, мостагIаша а. Таллархоша тIаьхьа жIаьлеш а даьхна, бIарздина хьийзо экха санна, доьзалца цхьаьна лаьмнашкахула, хьаннашкахула ведда лелачу цуьнан, харц-нийсо а ца къестош, ша а, шен доьзал а ларбан дезара. МостагIийн гонна йуккъе, кIелонна тIенисвелча, шена схьатоьхча, дIатоха а, ша ца вейта дуьхьалонча вен а дезара. Цуьнан гихь болу беза мохь, де-дийне мел дели, байлуш бацара, базлуш бара, ницкъ тIекхеташ бацара, оьшуш бара.
Цуьнан доьзалан цIа-цIе а, керт-ков а, кIелхIотта тхов а бац. Генна цхьана йуьртахь, кIотарахь, нехан хIусамехь, йа жаIушца ши-кхо буьйса йаьккхича, кхечухьа кхалха дезара цуьнан. Ша а, шен доьзал а бахьана долуш оцу нахана бохам ца хилийта. Даа а, тIедуха а, когадуха а латтош, доьзал кхаба а безара. ХIорш къайлах тIебуьссурш а ма бара шайн доьзалш халла хене баха гIерташ, цхьа къен-миска нах. XIapa бахьана долуш тIера дай лецна, Сибрех бахийтина, рицкъа латто верасаш боцуш, бисина доьзалш а ма бара. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а герз, тIедуха, когадуха, даа рицкъа а ма дезара. Цуьнан накъостийн а ма бара доьзалш. Оцу дерригенна а ахча дезара. Дехча, лурдолчеран ахча дацара, ткъа и долчара, шайга дехча, лур а дацара. Цундела и ахча долчаьргара нуьцкъах схьадаккха дезачу хьолехь хуьлура уьш.
Оцу берриг а эшамашна тIе кхин цхьа гIайгIа а йара Зеламхехь. Цунна кIордийнера xIapa акха, кхераме дахар. Амма хIокху махкахь шена маршо а, синтем а хирг хиларх дог диллинера цо. Кхузара дIa а ваьлла, доьзалшца цхьаьна Хонкара ваха сатуьйсура цо. Дуккха а ойланаш йинчул тIaьxьa, эххар а некъана кечам бан вуьйлира. Цуьнан хьешаша – ШерипагIеран а, МутушагIеран а кIенташа – тIелецира цхьана гIумкин элан цIарах БуритIахь цунна паспорт даккха. Бакохарчу цхьана гIажарийн лоьро хIорш дозанал дехьа а баьхна, Иране а бигна, шена вевзачу туркочуьнга Хонкара дIабигийта тIелецира. Амма некъана а, Хонкара дIакхаьчча цигахь дIатарбала а ахча цахиларо дохийра цо дагалаьцнарг.
И шен дагалаьцнарг хIетахь, ахчанна тIе а гIоьртина, кхочуш цахиларх тIаьхьа воккхавера иза.
Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, гIалгIайн Саламбека оьздда бехк боккхуш къамел дира цуьнга. Зеламхин уггар тешаме, майра, оьзда, доьналле накъост вара Саламбек.
– Зеламха, итт шо гергга хан йу вайша цхьаьна волу. XIopa дийнахь, xIopa сохьтехь, xIopa минотехь цхьаьний Iожаллица къуьйсуш. Сайн вешел а хьо сайна тешаме а хетара суна, иштта хьуна со хета а, моьттура. Вайшинна йуккъехь цхьа а къайле хир йац а, моьттура. Хьо майра, оьзда, тешаме, доьналле къонах ву. Амма ахь цхьа гIaлат далийтина суна а, накъосташна а хьалха. Тхуна а ца хоуьйтуш, хьайн доьзалца къайллах Хонкара ваха кечлуш хиллера хьо. Хьан зуда а, жима пхи бер дуйла а, вийначу вешин зуда а, жима кIант дуйла а, хаьа суна. Хьо воцург церан дола дан шун цIийнах воккха боьрша стаг воцийла а, хаьа. И зударий а, бераш а, цIа-цIe доцуш, сагIадоьхургаш санна, бевлла лелаш буйла а хаьа. Iедалан карабахча, уьш Сибрех бохуьйтур буйла а, хаьа. Уьш бахьана долуш, хьоьгахь боккха бала буйла а, хаьа. Хьайн са дадийна Хонкара ваха гIерташ хьо ца хиллийла а, хаьа, и зударий а, бераш а кIелхьардаха гIерташ хиллийла а, хаьа. Амма айхьа дагалаьцнарг тхоьга цахаийтар доккха гIалат дара хьан. Тхо даим хьоьца ма дара, хьуна уллохь xIopa дийнахь Iожаллина хьалха хIуьттуш. Хьо санна, Iедалан карадахча, тхо а дойур ма ду къинхетамза. Хьан санна, тхан а ма бу доьзалш, тхуна а безаш, тхо а дезаш. Хьайн аьтто нисбеллехь, тхо дIа а тийсина, ведда Хонкара ваха воллуш хиллерий-те хьо?