bannerbannerbanner
полная версияДарц

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Дарц

Полная версия

ХIорш паргIатбевлча, шен топ ги а тесна, гондIа дерг талла аравелира Бийсолта. Буьйса, беттаса долуш, сирла йара. Халла цхьана ломан лакхенга хьала а ваьлла, дIаса бIаьрг тоьхча, лаха тогIи чохь цхьана гулахь йогуш дуккха а цIерш гира цунна. И цIерш йагориш салтий бен хуьлийла дацара. Хьеха йуха а вирзина, Элбарт ара а ваьккхина, цуьнга шена гинарг дийцира цо. Тховса шина зудчун са ца гатдан сацам хилира цаьршиннан. Хаийтича а, хIун нислур дара. Буса-м хьовха, дийнахь а хьалха дIабаха некъ бацара зударийн а, берийн а.

Iуьйранна Беци а, Зезаг а хьалагIеттича, дийцира цара шайна хьалха хIоьттина кхераме хьал.

– Вай ломан сирта тIе хьаладовладелча, цунна дехьа хевсураш бу, – элира Элбарта. – Цигахь тIедисса дуккха а тешаме нах бу Зеламхин. Ломах хьаладовла Iаламат хала хир ду вайна. Амма кхузахь дисар а кхераме ду. Говр кхузахь а йитина, охашиммо бераш гихь-карахь а дуьгуш, ломах хьалагIоьртича, муха хетар дара шуьшинна?

Беци а, Зезаг а хIинца а самадовлаза Iохкучу берашка хьаьжира.

– Элбарт, ахь хьайн ницкъ кхочу вошалла дина тхуна, хIинца хьайн ницкъ кхочур боцург дан а гIерта хьо, – элира Бецис. – Хьуна Дела резахуьлда. Ахь дина вошалла оха цкъа а дицдийр дац. ХIокху берашца кхидIа дахалур дац тхо. Уггар йоккхачу Медин дейтта шо бен дац. Оха новкъа даьккхина рицкъа кхачийна, хIокху лаьмнашкахь мацалло а, шелоно а дойур ду бераш. Иза ца хилийта, салтийн карайаха а реза йу тхойша. Зударий а, бераш а дойур хир дац цара. ТIаккха цхьа Дала йаздиннарг хир ду тхох. Делан кхелах кIелхьардевр дац, мел идарх а. Амма тхоьца висахь, йа салташа вуьйр ву хьо, йа Iедало Сибрех вохуьйтур ву. Бийсолта, жима велахь а, хеназа дегI даьккхина, тIехьаьжча стаг хета. ХIара а йа салташа вуьйр ву, йа схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Тхоьца висча, хIокхуьнгара хила гIo а дац тхуна. Тхан цIийнан боьршачу нахах дийна висинарг Зеламха а, xIapa а ву. ХIара кегий бераш ца дагардича. Цундела Бийсолта а хьайца дIавига. Делан къинхетамца, салташна гучу ца довлуш, диса а ма мега тхо. Кхоош диъча, шина-кхаа дийнахь даа рицкъа ду тхоьгахь. Зеламхина тIе а кхачий, тхо кхузахь дисар хаийта цуьнга…

Бийсолта, цIeргa ши бIаьрг а боьгIна, вист ца хуьлуш хиъна Iapa. Амма цуьнан коьртехь ойланийн уьйриг хьийзара, ша хIун дича бакъахьа ду ца хууш.

– Хьуна хIун хета, Бийсолта? – хаьттира цуьнга Элбарта.

Бийсолтас доккха садаьIира.

– Ца хаьа суна, айса хIун дича бакъахьа хир ду. Цхьана aгIop, Беци бакъ лоь. Кхузахь висча, соьгара хила гIo ма дац хIокхарна. Бецис ма-аллара, йа салташа тоьхна вуьйр ву, йа лаьцна дIавуьгур ву. Соьга берриг а салтий байалур ма бац. ХIан, итт а, ах бIе а вуьйр ву ас. Йа ас цхьа а веле, цара со вуьйр ву. Йа, схьа а лаьцна, хIокху зударшца, берашца вигна, набахти кхуссур ву, тIаккха Сибрех вохуьйтур ву. Иза хилча а, важа хилча а, xIoкхарна а, сан вешина а соьгара хила гIo дац. Цундела, хьоьца дIа а веана, сайн вешех дIакхетча, со пайден хир вара аьлла, хета. ШолгIа, сайх тешийна дитина Беци а, Зезаг а, бераш а дIа а тийсина, кIилло санна, вада а ма ца лаьа суна. Сайн са дадийна ваханарг хир ву со нахана хьалха. Дела ву сан дагара хууш, со Iожаллех ца кхоьру. Амма эрна Iожалла хила а ца лаьа. Бецис а, Зезага а аьлларг дийр ду ас. Цаьршиннан лаамна тIехвала бакъо йац сан.

Шина зудчо хьеха а ца дайтира Бийсолта шайца вуьсур ву бохург. Массарна мара а кхетта, вежарийн бераш а хьаьстина, Элбартаца дIавахара Бийсолта.

Кхин цкъа а вовшашна ца ган…

4

Зеламхин коьртах берхIитта эзар сом ахча кхайкхийна дукха хан йара. Цунах бархI эзар пачхьалкхан казнера ахча дара, итт эзар – оццу гIуллакхна нохчийн йарташкара нуьцкъах даьккхинера Iедало. Масех шарахь гучу ца ваьллера оцу ахчанах йамартлонца Зеламха вохка реза волуш стаг. Халкъана ца лаьара шена тIехь Iедало латточу къизаллина, харцонна, Iазапна дуьхьал Iедалх бекхам эца гIеттина кIант вохка. Халкъо, мелхо а, ларвора иза. Йамартхой шортта бара нохчашна йукъахь. Амма уьш кхоьрура Зеламха вохка. Хаьара, шаьш йина йамартло халкъах къайлаер йоцийла. ТIаккха, цкъа-делахь, ша дийна висахь, Зеламхас а, иза вийча, цуьнан накъосташа а шайх луьра бекхам оьцург хилар. ШолгIа-делахь, шайна а, шайн тIаьхьенна а халкъо бIешерийн дохалла неIалт кхайкхор дуйла а.

Aмма цхьацца адамаш хуьлу ахчанан, дуьненан хьолан йа хастаман дуьхьа, бIаьрнегIар ца тухуш, шайн да-нана, вежарий, зударий бухкур болуш. Уьш Делах а, халкъан неIалтах а ца кхоьру. Цара шайн доьзалан, тIaьхьенан ойла а ца йо. Ахчано, хьоло, хастамо эс дIаоьцу церан, бIаьрзе бо. Ишттачарех вара гIалгIайн махкарчу Даьттах йуьртара схьаваьлла Зеламхин накъост Юсуп. Дукха хан йара Зеламха цуьнан шина бIаьргах ца теша. Делахь а йамартло йина, гучу ца волура иза цкъа а. Юсупа Iедалца барт бира оцу берхIитта эзар соьмах шен баьчча, бIаьхаллин накъост Зеламха вен. Амма цуьнан аьтто ца нисбелира и йамартло кхочушйан.

Юсупа, мотт баьхьна, йамартлонца лацийтира хамхойн а, цIоройн а шина тайпанах Зеламхин виъ накъост – Эдалгери, Мохьмад, Азамат, Мута-Iела. Андронниковс шен штабехь цаьргара лем оьцу кхо де дара. Веаннан куьйгаш, букъа тIехьа тIекIел а дехкина, машшашца къевллина дихкинера, ткъа когаш, волавала паргIато йуьтуш, бехо бихкинера. Йиттина Iаржйинера йаххьаш.

Андронниковс xIopa дийнахь хоьттург а, веаммо ло жоьпаш а цхьаъ дара.

– Зеламха мичахь ву?

– Зеламха цхьанхьа ца соцу, иза массанхьа а ву…

– Цуьнан доьзал мичахь бу?

– Хаац. Иза цхьана меттигехь ца буьту цо…

– Дийца, мичахь ву Зеламха а, цуьнан доьзал а? Ас дIога диттан гах хьалауллур ду хьо, гирзе жIаьла!

Цхьацца лебора уьш. Массо а тайпа мекарлонаш лелош, хIорш Iexo а гIертара. Цара Зеламха а, цуьнан доьзал а болу меттиг ца йийцича, нал санна ондачу шина гIалагIазкхичо йеттара коьртах, чоьже, чукIеле. Дуьххьара лем оьцуш, куьйгаш а дихкина, когаш маьрша битинера церан. ХIетахь шина гIалагIазкхичо шена тоьхча, цоройн Азамата, гай тIе мийра тоьхна, шалха вахийтира цхьа гIалагIазкхи. Цул тIаьхьа когаш а бихкира лецначеран.

Йетташ бIарзвича, веаммо барт бира Зеламхин доьзал болу меттиг йийца. Лецна дIабигар бен, зударшна а, берашна а кхин хIумма а дийр дац аьлла. Доьзал болу меттиг йийцича, когаш а, куьйгаш а даьстина, паргIато йелира царна. ТIаккха, шайна хехь лаьтта салти а вийна, ведира и виъ.

Зеламха сихха карийра царна. Хилларг ма-дарра дIадийцира цуьнга. Уггар хьалха йамартхочух бекхам эца бахара уьш. ЦIахь вижина Iуьллу Юсуп гIаттийна, йуьртара ара а ваьккхина, цунна тоьпаш туьйхира. Дакъа аркъал а диллина, Юсупан кIайделлачу, говран санна, даккхийчу балдаш тIе цIестан кхо кепек а йиллина, «Йамартчу зуьдан мах кхо кепек бу», – аьлла, йаздина некха тIехь кехат дитира цара…

5

Беци а, Зезаг а кегийчу берашца цхьа йисира акхачу лаьмнашкахь. Хьехахь говр хааеллера а, хаац, буса йогIий, берзалой угIура, гена йоццуш совций. Салтий а гучу ца бовлура. Элбарта а, Бийсолтас а хIокхарна кечдина дечиг а чекхдала герга дара. Цхьана денна а бен йалта а ца дисинера. Бакъду, гуттар а гIаддайча баа тIаьхьалонна битина пIаьлдиг чохь цхьа сахь хиллал кхорийн цу бара церан. Ткъа хIокхарна, шаьш мичахь ду а, ца хаьа. Хьалха дIaгIyp ду бохург хьехочохь а дац. Йуханехьа даха ницкъ а бац, хилча а, некъ а ца хаьа. Лулахь салтий бу. Элбарта а, Бийсолтас а Зеламхе хаам бийр бу аьлла. Амма царна маца карор ву иза, маца вогIур ву иза.

Буьйсанна диллина ло мохо тIехьекхна, хьехан бертиган ах дIайуькънера. Когашца а, куьйгашца а ло дIаса а хьаькхна, некъ баьккхина арайаьлла Беци, гена воццуш торха тIехь лаьтташ масех стаг а гина, сихха хьеха чу йелира.

– Масех стаг ву гена воццуш лаьтташ, – мохь белира цуьнан.

– Салтий-м бац уьш?

– Бац. Суьйлий буй-те, моьтту суна.

– Хьо гиний царна?

– Муха ца го!

– Царна муха хиъна-те вай кхузахь хилар?

– Вайн цIеран кIур ма бу, хьехан бертехула ара а буьйлуш, хьалаоьхуш…

Зезаг, хьехан берте а йахана, ларлуш, арахьаьжира.

– Ва-й, Дела, схьабогIуш бу-кх уьш! Вайша хIун де-те, вашин зуда?

– ХIун дийр дара вайша? Йохий ма хьийза. Хьо кхераеллий ма хаийталахь царна.

ХIорш болу меттиг гучуйаьллера. ХIинца ловчкъа гIертар эрна дара. Ши зуда хьехара арайелира. Хьалха цигахь лаьтташ дегIастанхой бен бацара, хIинца салтий а гучубевлира. Салтий, герга бахка ца баьхьаш, даккхийчу чхернаш тIехьа а левчкъина, хьеха тIе тоьпаш а йерзийна, севцира.

– Ва-а-а, нохчий, гIалгIай! Бусалбанаш буй шуьца? – мохь туьйхира Бецис. – Тхоьца цхьа а боьрша стаг вац, тхоьгахь герз а дац! Тхо ши зуда а, йалх бер а ду кхузахь! Уггар йоккхачу йоьIан дейтта шо а долуш!

ХIокхарна гуш боцуш, хьехана тIехула торха тIехь а хиллера салтий. Цигара охьа хехкалуш, шершаш чувоьссира ши стаг.

– Тхо гIалгIай ду. Тхох кхера ца оьшу. Зеламха вуй шуьца?

И шиъ вайнехан маттахь вистхилча, сапаргIат делира шина зудчун.

– Зеламха а, цхьа а боьрша стаг а вац тхоьца. Тхойшиъ а, йалх бер а ду.

– Зеламха мичахь ву?

– Ца хаьа тхуна.

ТIевеана ши дегIастанхо, тоьпаш хьала а лаьцна, хьеха чу хьаьжира. Чохь, кхераделла, вовшашна тIеттIа а таьIна, хебна Iаш бераш доцург, кхин адам ца гича, аравелира и шиъ. Кхин масех дегIастанхо а тIевеара хIокхарна. Кхузахь шайна кхерам боцийла хиъча, майравелира говрачух тера корта болу хьаьрса суьйли.

– ХIинца-м тхан карахь дара шу! – нохчийн маттахь вистхилла, баьхьанаш санна йаккхий, можа цергаш гучу а йохуш, велавелира иза. – Тхан къинхьегам эрна ца хили!

– Стенна Iоьху хьо, суьйлийн вир санна? – човхийра иза гIалгIачо. – ХIокху зударшца, берашца ма майраваьлла хьо! Айхьа Зеламха лаьцча, воьлур хьо! Нагахь санна хIетале цо хьайн ворхIе да волчу жоьжахате ца вахийтахь!

Ши зуда баркаллица хьаьжира гIалгIачуьнга.

– Шайн сал-пал дIахьарчаел, – элира шолгIачу гIалгIачо. – Эла волчу шу дIадига деза тхан.

Сал-пал дIахьарчош, къахьега ца дийзира. Берийн а, шаьшшиннан а бедарш таьлсаш чу таIийра Зезага. Текх-цаца а, кад-Iайг а хIинца царна ца оьшура. Цхьана суьйличо, беберса хIума лоьхуш, кегийра таьлсаш. Ца карийча, уьш шен белшах тесира цо. ТIаккха шина гIалгIачо берийн куьйгаш а лаьцна, гоьллелц догIучу лайлахула, мoгIa а бина, дIабуьйлабелира уьш. ЦIеххьана йухавирзина, цхьа дегIастанхо, хьеха чу а вахана, говр йалош йухавеара.

 

Эшкалахь Андронниковс ша лем ийцира шина зудчуьнгара. Бецина а, Зезагна а дукха эпсарш гинера. Добровольский, Чернов, Ханжалов, кхин лахарчу даржашкара эпсарш а. ХIapa гуьржи дуьххьара вацара цаьршингара лем оьцуш. И шиъ Iеминера собаре хила а, ларлуш жоп дала а. ХIун дара а, хаац, хIокху мехкан къаьмнех эпсарш къиза хуьлура оьрсел. Андронниковх бIаьрг ма-кхийтти, хиира цаьршинна цуьнгара къинхетаме дог дохийла йоцийла. Хьийзина Iаьржа кIужалш йолуш, хаза йуьхь-сибат а, куьце дeгI а долуш, шовзткъа шо хенара стаг вара и гуьржи. Амма, меха дохка санна, йуьхьигаш ирйинчу дуткъийчу мекхаша а, пхьидан муцIарх терачу дуткъийчу балдаша а, бIаьрнегIарш ца тухуш, лаьхьанан санна, хIиттинчу къорзачу бIаьргаша а гойтура оцу стеган дегIаца оьздангаллин цхьа чо цахилар.

– ЦIе хIун йу хьан?

– Беци.

– Зеламхин зуда йуй хьо?

– Йу.

– Маса шо ду хьан?

– Ткъе пхийтта.

– Бераш маса ду хьан?

– Пхиъ. Ши йоI, кхо кIант.

– Хенаш мел йу церан?

– Йоккхачу йоьIан дейтта шо, жимачу кIентан цхьа шо.

Хеттарш а, жоьпаш а гочдеш гIалгIа вара, уьш дIайаздеш эпсар а вара.

– Хьоьца йерг хIун зуда йу?

– Сан марвешин зуда йу.

– Цуьнан майра мичахь ву?

– Кхо шо хьалха вийна иза.

– Зеламха мичахь ву?

– Ца хаьа суна. Цхьа бутт бу суна иза газа.

Шина дийнахь лейира Беци а, Зезаг а. Цаьршиммо даим а цхьа жоьпаш лора. Эххар а оьгIазвахара Андронников.

– Ас ирхъуллур ду хьо, зуд! – бетах шеташ туьйсуш, Бецина тIекъевкъира иза. – Хьан къотIарчий, арсаш хьоькхуш, дойур ду ас! Дийца, мичахь ву Зеламха!

Цо аьлларг гоч а дина, шеггара тIетуьйхира гIалгIачо:

– Хабар дуьйцу цо. Хьо ирхъолла-м хьовха, хьох пIелг хьакхо а бакъо йац цуьнан. Хьайна хаахь а, Зеламха волу меттиг ма йийцалахь!

– Суна, Зеламха мичахь ву а, дийна ву-вац а ца хаьа. Масех эзар салтичуьнца тIаьхьа а ваьлла, схьалецна, тхо зударий а, бераш а хьийзадо ахь. Иштта хьо майра а, къонах велахь, Зеламха лаца, алахьа цуьнга. Цо ирх а ца уллуш, урс а ца хьокхуш, топ тоьхна, хье дIатосур бу хьан, алахьа цуьнга.

ГIалгIачо и дешнаш ца гочдира.

– Шена Зеламха газа цхьа бутт бу, дийна ву а, велла а, ца хаьа, боху.

– Дика ду, дакъаделла йешап! – муцIар разйаьккхина, пIелг ластийра Андронниковс. – Ас БуритIа а дигна, хьайн херсешца набахти дуллур ду хьо, зуд! Цигахь месаш лаьцна, текхо йоьлча, багара мотт схьаийзо боьлча, цхьацца йоккхуш, цергаш схьайаха йоьлча, цIийдинчу эчигца хьайн дегI марца доьлча, тIаккха дуьйцур ду ахь, Зеламха мичахь ву!

ОьгIазвахана Андронников, вехьаш, чухула дIасалелаш, чувеанчу гIалгIачо Дауд-Герис сени чу ваьккхира иза.

– Хьан сийлалла, Зеламха мичахь ву, хиъна тхуна!

– Мичахь ву?

– Хевсуретин дозанашкахь!

– Разбойникаш дукха буй цуьнца?

– Пхиъ ву. ЙолхалгIа – пхийтта шо хенара цуьнан ваша а. Амма цига ваха кхераме ду, хьан сийлалла…

– ХIунда?

– КIело а йина, хьан отрядана зенаш ма дахьара цо…

Андронников, ца вешаш, велавелира.

– Цуьнан берриг а разбойникаш хир белара цуьнца! Цхьана тохарца уьш берриг а хIаллакбан! Баркалла хьуна, Дауд-Гери. Ахь хаза кхаъ беана суна. Оха йал йоцуш вуьтур вац хьо!

Векхавелла чу а веана, Бецина тIевирзира иза:

– Хезий хьуна, зуд? Тахана-кхана хуур ду суна, хьан Зеламха мел къонах ву! Цуьнан зуда а, бераш а ас йийсаре лецна. Зуда йигар мел доккха эхь ду ламанхочунна! Шу соьгара схьа ца дахахь, коьртахь куй лело бакъо йац цуьнан! Ша боьрша велахь, шен зуда а, бераш а схьадаха вогIур ву иза! ТIаккха ас, хьовззийна, схьалоцур йу и стешха чагIалкх!

ГIалгIачо ца гочдира цуьнан дешнаш, амма Бецина хиира цо хIумма а диканиг ца аьллийла.

Шина зудчо бакъдерг дуьйцург хиларх дог а диллина, Хевсуретин дозанашкахь операци йан кечам бан вуьйлира Андронников. Саперийн взводан начальник поручик Афанасьев шена тIекхайкхира цо:

– Кхана Iуьйранна исс сахьт долуш, лаьмнашка хьала новкъа йер йу отряд. Амма вай кхузара дIадовлале ахь кхочушбан безаш цхьа болх бу. Сан лазутчикаша хаам бина, Зеламхас шен разбойникашца Нелхехь а, Эрштахь а масех буьйса йаьккхина аьлла. Цигара бIаьвнаш а, уггар дика цIенош а лелхийта деза ахь. Ши тIулг тIекIел ца буьтуш.

ШолгIачу дийнахь, Iуьйранна исс сахьт даьлча, кхузара меттахйелира отряд. Беци а, Зезаг а отрядана йуккъе хIоттийра. Ахьмад а, Iумар-Iела а Бецин, Зезаган гихь вара. Важа диъ бер лайлахула гIаш догIура. Йийсархошна хьалха а, тIаьхьа а дегIастанхойн дошлой бара. Отряд низамехь новкъа йаьлча, гIалагIазкхаша а, салташа а илли долийра. Тохарлерчу хьаьрсачу суьйличо къамел долийра шина зудчуьнца.

– Муха хета шуна церан йир? Самукъадолий шун?

Беци садетта гIиртира, амма тIаьххьара а собар кхачийра цуьнан:

– Оцу ницкъ болчу Дала тхан хьоле хIиттадойла шу! Эхь ца хетий хьуна зударий сийсазбан! Бусалба вац хьо? Ламанхо вац хьо? Хьайн зудчунна а, берашна а тIе хIун догIур, хаьий хьуна? Оццул хьо майра велахь, Зеламхе де и къамел!

– Зеламха а лоцур ву. Цуьнца кхин тайпа къамел хир ду сан!

Шина зудчун дог дорура салтийн а, гIалагIазкхийн а иллино. Ткъа оцу хьаьрсачу суьйличо церан дегнийн чевнашна тIе туьха туьйсура.

Цхьа чаккхарма некъ бича, Мохьмад а, Лом-Iела а кIадвелира. И шиъ кIоргачу лайлахь сих-сиха охьаветталора. Шина зудчо цаьршиннан куьйгаш лецира. Бецис Деле орца доьхура. Далла хезира цуьнан дехар. Уллохула говрахь тIехволучу полковника Курдиевс, охьа а кхевдина. схьаэцна, Мохьмад шена хьалха говра хаийра…

6

Паччахьан эскарша массо а aгIop го бина йукъар хьовзийна Зеламха маьлхойн лаьмнашкахь сецира. Кхузахь иза гергахь вара шен доьзална. Накъостий а цхьаццанхьа къайлабевлла, цхьа висинера иза Бийсолтица. ХIинца цунах схьакхеттера Андронниковн йийсарера ведда виъ гIалгIа а, Элбарт а. Жима Бийсолта ца вагарвича, уьш хIинца йалх вара.

Пхи накъост шех схьакхетталц, цхьана ханна Хевсурете ваха сацам хиллера Зеламхин. Амма накъосташа шаьш цуьнан доьзал болу меттиг Андронниковга дIайийцина а аьлча, тIаккха кхуза веанчу Элбарта цуьнан доьзал Андронниковс лаьцна, Буру-гIала дIабигна а аьлча, и сацам буьйхира Зеламхин. Вуьшта а Хевсурете боьду некъ дIакъевлинера цунна. Зингатийн туьйлиг санна, хIара лаьмнаш сийсош салтий, гIалагIазкхий, дегIастанхой, гуьржий бара. Царал совнаха, Хевсуретин дозанца охьахевшина гуьржийн полици а, салтий а бара. Амма таллархоша хьовзийна, лаьттах Iуьрга доьлла цхьогал санна, хIокху лаьмнашкахь лечкъина Iойла дацара Зеламхин. Буру-гIала бигна шен доьзал маьршабаккха ницкъ бацара цуьнан. Делахь а цо бекхам оьцур бу шен мостагIех. Уггар хьалха – Андронниковх а, Донагуловх а. И шиъ ламанхо ма ву. Ламанхой хилла а ца Iа. Лулахой бу. Цхьаъ – гуьржи, важа – суьйли. Оьрсийн паччахьан хьадалчаш, йалхой, лайш. Зеламха лаца йа вен чIагIо йина арайаьлла ши хьакха. Амма Зеламхица пхи накъост бен вац. МостагIий ши эзар сов бу. Цаьргахь герз ду шортта. Йаккхий тоьпаш, пулеметаш. Говраш, варраш. И хьакхарчий-м йойур йара хIокху пхеаммо. Ткъа уьш байа герз ма деза хIокхарна. Кхаьргахь ши топ а, бIе патарма а бен бац. Зеламхина кхин а пхи топ а, ши эзар патарма а беза…

– Элбарт!

– Вай.

– Суна пхи топ а, ши эзар патарма а беза.

– Стенна?

– И ши эзар хьакха йен.

Элбарт, вист ца хуьлуш, дIатийра. Важа накъостий набарш кхетта Iохкура. Элбарт вист ца хуьлуш хьевелча, цунна а наб кхетта-те аьлла, хийтира Зеламхина.

– Элбарт!

– Вай.

– Хьо вистхуьлуш ма вац?

– Ойла йеш Iapa со-м. И герз мичара хир ду вайна?

– Сайна ца хаьа дела, хаьттира ас-м. Шун йарташкахь хир дац-те аьлла. Пхоьазза йолу тоьпаш-м наха лур йац. Муьлхханаш а мегар йара суна. Мокхазан тоьпаш а. Шортта молха а, хIоьънаш а хилчахьана. Хьо хамхо ву, Элбарт. Хьан тайпанан наха гIo ца деш вуьтур вац. ГIой, хьайга хIун дало, хьажахьа. И Андронников, Донагулов боху ши кхахьпа мичахь ду а, хьажа.

Элбарт, шен гIовтал а, чоа а тIе а дуьйхина, пеша тIехь йакъайала йехкина лоьдгаш къажйина, неIармачаш чу а йоьхкина, уьш кога а оьзна, лергашна тIетаIIош коьрта кхакханан куй а тиллина, аравелира.

Ши эзар сов мостагI ву цунна тIаьхьаваьлла. Дерриг некъаш дIакъевлина цара. Амма царна ца девзаш некъаш а ду лаьмнашкахь. Акха гезарий бен ца лелаш. Уьш девзича а, цигахула лелалур бац салтий а, гIалагIазкхий а. Зеламха а, цуьнан накъостий а лелало. Уьш Iамийна халчу дахаро. ХIокху тIаьхьарчу итт-цхьайтта шаро. Ткъа Зеламхина пхоьазза йолу пхи топ а, царна ши эзар патарма а оьшу. И ши эзар мocтaгI вен…

Эршта йохо саперашна тIедиллар оцу буссехьа хиира Зеламхина. Цо Саламбеке хабар туьйхира, и взвод хIаллакье аьлла. Саламбека, новкъахь кIело а йина, дуккха а салтий байъира. Поручик Афанасьев а вийра. Амма дукха бу-кх дийна бисина мостагIий…

Зеламхина цхьана минотана а ца бицло шен доьзал. Декъаза Беци а, Зезаг а. Меда а, Эни а. Мохьмад а, Лом-Iела а, Iyмap-Iела а, Ахьмад а. Ши зуда, ши йоI, виъ кIант. Уьш набахтехь бу. Къаьсттана дукха ойла йо цо Зезаган. Нускалан хенахь, майрачух самукъадолучу, майрачух марзо оьцучу хенахь жоьра йисина иза. ДегIаца Лом-Iела а волуш. Цхьана-шина шарахь ЗеламхагIеран кертахь а Iийна, кIант хIокхаьрга схьа а велла, шен нахана тIе дIайаха бакъо йара цуьнан. Маре йаха бакъо а йара. Цо иза ца дира. КIант а кхобуш, хIокхеран доьзалехь сецира. Машаре дахар, синтем хилча а дара цхьа хIyма. Иза а, важа а ма ца хилира цунна. Зеламхин доьзалца, шен кIантаца цхьаьна xIapa къаьхьа баланаш ловш йу. Шен дегIал совнаха, иза да йолуш хIyмма а дац. Йа дегIан да а йац. Даим дIа Iожалла йу цуьнан когийн кIажаш а хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина лелаш. Йа набахти йу даим а хьалха гуш. ХIинца иза набахтехь хир йу. КхидIа церан кхоллам муха хир ца хаьа ша Дела воцчунна. Сибрех бахийта а мега. БIеннаш доьзалш бахийтина цига. Зударий, бераш, къенанаш. XIоpш дуьххьара а, тIаьххьара а бац. Зеламха бехке ву Зезаган дакъазаллина…

ШолгIачу буса накъосташна тIевеара Элбарт. Йеккъа цхьа цхьалго топ а, цхьа герка молха а, ткъех хIоъ бохьуш.

Зеламхас карахь дIасахьовзийра цхьалго топ.

– Кхин ца карий хьуна, Элбарт?

– Ца карий. Герз доцуш-м хир бацара нах. Къайладаьккхина. Шайгахь дуй хаийта ца баьхьа. Гергарчарна а. Адамаш кхерийна Iедало.

– Оцу хьакхарчийн хIун ойла йу, хиин хьуна?

– Iассан тогIехула хьалабогIуш бу уьш.

– Андронников, Донагулов вуй цаьрца?

– Ву. И шиъ ву. Полковник Курдиев а ву. Хьо кхузахь ву аьлла, мотт тоьхна цхьамма.

Цхьа минот а хан эрна ца йохуьйтуш, Iассан тIай тIе сихвелира Зеламха. ТIай гена дацахь а, некъ хала бара цига. Некъ бан а бацара. Лаьмнийн тархашна тIехула даха дезара. Ло. Шаш. Дуккханхьа а ког билла дагарца шах киртигаш йаха дезара. Ломах хьаладовлуш а, охьанехьа чудуьссуш а. Цхьана йуьххьехь эчиган йиъ зIок йолу муш хьалакхуссий, тIулгах йа диттах дIа а тосий, цхьацца волуш, хьалаволура. Йа тIулгах, диттах муш дIа а боьхкий, охьачубуьссура. КIорга ло долчохь когех диркаш3 йоьхкий, боьлхура. Некъ хала хиларал совнаха, муьлххачу а минотехь салташна тIенисбаларна кхерам а бара. Цара геннара схьа тоьпаш тоьхна, къийгаш санна байа а тарлора.

ШолгIачу дийнахь маьркIажал тIаьхьа Iассан тIай тIе кхечира уьш. Генара хьаьжча цIеран серло а, кIур а гyp боцу меттиг а лехна, цIе латийна, шайн тIадийна бедарш йакъийна, бекъа кхача а биъна, охьабийшира уьш. Охьабийшира аьлча а, хьуьнхара хедийна йеана жIолмаш цIарна гонаха а йаржийна, голаш мере а оьзна, горгбелла дIатевжира. Мотт мел бекъа белахь а, бухара хьала шело йагIахь а, кIадбеллачу накъосташна набарш кхийтира. Aмма Зеламхина наб ца кхетара. Кхана хIокху тIай тIе кхача йеза отряд. ХIокхаьргахь шиъ пхоьазза йолу топ а, бIе патарма а, цхьалго цхьа топ а, цуьнца ткъа хIоъ бен бац. Ткъа цунна кхин а пхиъ пхоьазза йолу топ а, ши эзар патарма а беза…

– Элбарт.

ХIетта наб озийна Элбарт охьахиира.

– Кхуза хьаладогIучу эскарца цхьа а гIалгIа эпсар вуй?

Элбарта ойла йира.

– Ву. Масех ву.

– Хьан тайпанах вуй цхьа а?

– Шиъ ву. Хамхойн Мохьмад-Гери а, Ирисхан а.

– Муха ши стаг ву и шиъ?

– Тхан тайпано лоруш, оьзда ши стаг ву.

– Къонах вуй и шиъ?

– Цхьаннах жоп далалур ду соьга. Мохьмад-Герих. Иза майра а, тешаме а, доьналле а къонах ву.

– Тховса мичахь хир ву и Мохьмад-Гери?

– Буьйсанна цIахь хуьлу бохуш, хезира суна. Эшкалахь.

 

Зеламха, ойлане ваьлла, цхьана ханна дIатийра.

– Тховса со цунна тIекхачалур варий хьоьга?

– Нагахь санна иза цIахь велахь, кхачалур ву.

– ХIета вайша Эшкала воьду!

Зеламхас ца йийцира цуьнга шен Iалашо. И шиъ сихха новкъа велира, тапчанаш йоцург, карахь кхин герз а доцуш.

Йуьстах болчу гIашлойн некъашкахула, кхаш тIехула некъ беш, цхьана сохьтехь Эшкала чувуьйлира и шиъ. Керташна тIехула а вуьйлуш, масех бешахула чекхваьлча, Зеламха бешахь а витина, жимачу корехь чиркхан серло къегачу цIа чу а вахана, масех минот йаьлча йухавеара Элбарт, хIусамда а валош. Меллаша маршалла а хаьттина, кхин къамелаш ца деш, Зеламха цIа чу вигира xIусамдас. Дукхахболчу нехан санна, къен-миска йара хIара xIycaм. Дерзина пенаш, кIурз биллина Iаржйелла шуьйра товха, оцу чохь цIe ца леташ, гIийла сийсаш стомма гуьйриг. Пенах леррина йинчу терхи тIехь богуш тIедиллина шиша доцу тиша чиркх. Поппаран маьнги тIехь тишачу йургIи кIел чIогIа набарш кхетта Iуьллуш кхо бер. ХIорш чубахкале хьалагIеттина хIусамнана, хьешашка маршалла а хаьттина, кхача кечбан тохайелира. Амма шайн дукха Iойла дац аьлла, Зеламхас сацийра иза.

Зеламха а, Элбарт а чохь а витина, араваьлла хIусамда дукха хан йалале, Мохьмад-Гери а валош, йухавеара. Иза элдарчу дегIахь, болатан басахь, ткъе пхийтта шо хенара стаг вара. Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, кхин къамел йукъа ца доккхуш, ша деана гIуллакх дийцира Зеламхас:

– Мохьмад-Гери, хьуна ма-хаъара, со лаца йа вен Iалашо йолуш, суна тIаьхьа талла араваьлла ши эзар салти, гIалагIазкхи, дегIастанхо, гуьржи ву. Андронниковс йийсаре бигна сан доьзал. Сан хIусамнана а, вешех йисина зуда а, цуьнан кIант а, сан пхи бер а. Кхана лаьмнашка хьалагIоьртур бу и Делан мостагIий. Ши эзар хьакха. Шайн коьртехь Андронников, Донагулов боху ши нал а йолуш. И шиъ а, цаьршинна тIаьхьара ши эзар хьакха а йен йеза ас. Соьца пхи накъост а, пхийтта шо хенара сан ваша а, шиъ пхоьазза йолу, цхьаъ цхьалго топ а йу. КIезиг герз ду иза оцу ши эзар хьакхина дуьхьал. И хьакхарчий лаххьийна йайа суна пхоьазза йолу пхи топ а, ши эзар патарма а беза. Хьоьгара гIо эшна, дехаре веана со, Мохьмад-Гери.

Мохьмад-Гери, куьйга корта а лаьцна, лаьттан бIаьра а вогIавелла, цхьана минотехь вист ца хуьлуш Iийра. Дехаре веанчу стеган дехар йухатухийла а йац, иза кхочушдан ницкъ а бац. ХIара хьаша ма ву. Хийра хьаша. Нохчо. Зеламха.

– Сан цхьа топ а, ткъех патарма а бу, Зеламха. Со да волуш кхин герз дац. Сайн дерг дIалур ду ас хьуна.

– Хьан пхи топ а, ши эзар патарма а боцийла, хаьа суна, Мохьмад-Гери. Амма шун отрядехь масех эзар топ а, патарманаш а ду.

– Отрядехь герз ду, Зеламха, делахь а иза со тIекхочехь дац. Иза дийнахь а, буса а лерина лардеш ду. Сан бакъо йац цигара цхьа патарма схьаэца а. Цаьргара нуьцкъала соьга даккхалур а дац иза.

– Мохьмад-Гери, хIокху хьан тайпан вашас Элбарта хьо майра, доьналле, тешаме къонах ву аьлла, сайга вийцича, веана со хьуна тIе дехар дохьуш, хьоьгара гIо оьшуш. Элбарта ма-вийццара, хьо хиларх теша со. Амма и хьайн майралла а, доьналла а, тешам а axь паччахьна, Андронниковна дIабеллий-те йа хьан дегIан пхенаш чохь леларг вайнехан цIий дац-те?

Мохьмад-Гери, вагийча санна, хьалаиккхира.

– Сан дегIан пхенаш чохь леларг вайнехан, гIалгIачун, бусалбан цIий ду, Зеламха! ГIалгIайн, вайнехан къоман дуьхьа сайн са, цIийн тIаьххьара тIадам дIабала кийча ву со. Амма хьан дехар кхочушдан ницкъ бац сан. И цхьаъ ду. ШолгIа, и ницкъ соьгахь хилча а, ас хьоьга делла герз нохчийн а, гIалгIайн а къомана зуламе дер ма ду. Ахь кIело а йина, итт-ткъа салти вуьйр ву, ткъа Iедало масех бIе стаг, лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву, йарташ йохор йу, бераш байлахь дуьтур ду, зударий жоьра буьтур бу, къена дай-наной верасаш боцуш буьтур бу. И къа сайна тIелаца ца лаьа суна, Зеламха. Хьан хьайн ден да, да, вежарий, ден вежарий байъина, хьан зуда а, бераш а набахтехь ду. ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь хьо бахьана долуш дукха адамийн цIий Iенна, дукха зударийн а, берийн а бIаьрхиш Iенна. Цара неIалт кхайкхадо хьуна, Деле хьан Iожалла йоьху цара. Вай даим даха кхоьллина ма дац, дала дезаш ма ду. Хьайн са ахь мел дукха идадарх, цкъа валаза ма ца волу хьо. Тоийтахьа хIинца мукъана а, Iедална тIe а гIoй, хьайна кхел йайтахьа. Дала йаздинчух кIелхьарвер ма вац хьо.

Зеламхас лерина ладуьйгIира Мохьмад-Герига. Цо дуьйцург керла дац Зеламхина. Цо ша а дукха ойланаш йинера шен кхолламах. Амма Мохьмад-Герис марсайаьккхира цуьнан кийрахь хаддаза йогу цIe.

– Халкъан бохамашна со бехкево ахь, Мохьмад-Гери? Ахь дуьйцург хьайн дагара дац, Мохьмад-Гери, оьрсийн паччахьан, Iедалан дагара ду. И къамел дийриг гIалгIа вац, оьрсийн паччахьан эпсар ву. Сан ден да БIаьхо бIе шарахь сов ваьхна. БIаьхон ден да дуьнен чу а валале, ши бIе шо хьалха нохчийн, гIалгIайн махка баьхкина оьрсий. Нохчийн, гIалгIайн мохк дIалаца, и ши халкъ лолле дерзо, и шиъ керста дине дерзо. Оцу шина бIе шарахь бIе эзарнаш нохчий байъина оьрсийн эскарша, бIеннаш йарташ мосазза а чим беш йагийна, лаьттаца дIанисйина. БIе эзарнаш нохчий махкахбаьхна, Сибрех, Хонкара бахийтина. Нохчийн, гIалгIайн уггар дика мохк дIа а баьккхина, оцу тIе баха охьахевшина. ХIетахь со дуьненахь ма вацара, Мохьмад-Гери. И шайн дайн мохк мах луш гIалагIазкхашкара цхьана ханна лело йа йукъахь лело схьа а оьцуш, шайн доьзалшна сискал йаккха Теркал дехьа бахана нохчий, гIалгIай Iедало, кIотарш йагош, лаьмнашка лоьхкучу хенахь со обарг ма вацара, ва Мохьмад-Гери. Нохчийн халкъан цIий Iено, зударийн а, нанойн а, берийн а бIаьрхиш Iено ши бIе шо ма ду, ва Мохьмад-Гери. ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь оьрсийн Iедало нохчий, гIалгIай байарна, махкахбахарна, зударий а бераш а делхорна, йарташ йохорна, йагорна, вайнехан халкъашкарчу бохамна бехке со ма вац, ва Мохьмад-Гери, ткъа ахь а, хьо санначара а доггаха гIуллакх деш долу оьрсийн паччахьан Iедал ма ду. Ткъа сан дегIах, сих дерг аьлча, ас Iаьржачу кепекан меха а ца лору иза. Итт шо ду xIopa дийнахь, xIopa сохьтехь, xIopa минотехь со Iожаллина хьалха лаьтта. ХIокху хIусамера араваьлча, сайх хиндерг а ца хаьа суна. Со Iожаллех кхоьруш вац, Мохьмад-Гери, ткъа сайн халкъан мостагIех дог Iаббош бекхам а ца оьцуш, дагахьбаллам а буьсуш, валарна кхоьру. И сан чIагIо, и сан Iалашо кхочушйан суна пхи топ а, ши эзар патарма а карадехьа, Мохьмад-Гери, хьо гIалгIа а, хамхо а, бусалба а велахь!

– Со гIалгIа а, хамхо а, бусалба а ву, Зеламха. Амма отрядан герз хьуна дала ницкъ бац сан. Нахера лехна, ас пхи топ а, пхи бIе патарма а лур бу хьуна. Сан ницкъ боцург суна тIе а дожадай, сан сий дайа ма гIертахьа, Зеламха!

– Дика ду, Мохьмад-Гери. Тхан герз ду массанхьа а дIадиллина. Амма тховса со тIекхочехь дац. Герзаца накъостий а бу Iедалх къайлабевлла, дIасабаьржина. Уьш тIегулбан а, герзана тIекхача а хан йац сан. Суна тховса деза герз. Кхана Iуьйранна Iассан тIай тIе йогIу хьакхарчий йайа. Ахь нахера дехна, эцна йа йухалург а герз дахь, кхо де далале, со валаза висахь, ас иза дIалур ду царна. Йа изза герз, йа цул а тоьлларг.

Мохьмад-Гери а, Элбарт а аравелира хIусамдеца.

Ши сахьт даьлча, йухабаьхкира уьш, пхи топ а, царна пхи бIe патарма а бохьуш…

7

Iacca тIехула тIай тогIи готтачохь лекхачу шина бердан йистошна тIе ши йуьхьиг а хIоттош диллинера. Говзачу пхьераша, хьостамаш доцурш, кхин эчиг а ца эдеш, дечигах динера иза. Лакха тIера чухьаьжча, цхьаццаволчунна бIагор а богIуш, лекха. Цунна тIехула ворданаш ца лелара, йа уьш лела некъаш а дацара хIокху лаьмнашкахь. Дуьхь-дуьхьал вогIу ши стаг парггIат морзахваллал шуьйра дара тIай, ткъа говрахь вогIург, говрара чу а вуссий, урх лоций, дехьа-сехьа волура. Гуттар а шех а, шен говрах а тешарг говра тIехь а волура. Сатоссучу хенахь накъосташца цига веанчу Зеламхас шина кIелоне дIанисбира шен тIеман ницкъаш. Шеца Азамат а, Мохьмад а, Бийсолта а витина, тIайна нийсса дуьхьал лекхачу торха тIе охьахиира иза. Отрядан йуьхь тIай тIе йаьлча, тIетоха йезара оцу веаммо. Ткъа Элбарт а, Мута-Iела а, Эдал-Гери а тIайна пхи бIе гIулч лахахь торха тIе охьахиира. Оцу кхааммо, ЗеламхагIара герз тоьхча, отрядан аръергардана тIетoxa йезара, салташна йухабовла некъ ца буьтуш. ВорхIе накъостехь пхоьазза йовлу тоьпаш а, xIoрангахь а цхьацца бIе патарма а, кIелонгахь шаьш хьелахь а аьлла, цхьана денна кхача а, хи а дара.

Малх гIушлакха баьлча, тогIи чохь гучуйелира отрядан авангард. Хьалха говрашкахь гIалагIазкхийн, дегIастанхойн дошлойн ши бIо а, царна тIаьхьа гIашсалтийн ши рота а. Гуттар а тIаьхьа говраш тIехь отрядан сурсаташ, патармийн йаьшканаш, кхиерг йохьуш богIура нуьцкъала арабаьхна гIалгIай.

3Диркаш – нохчийн лыжеш, дуткъийчу серагех дуьйцина горга хIазарш.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37 
Рейтинг@Mail.ru