Сайн уггар коьрта а, сийлахь а декхар лорура ас xIoкху округерчу правительствона тешамечу туземцийн гIоьнца и къиза разбойник Зеламха а, цуьнан гIepa а йоццачу хенахь хIаллакйар. Цундела хIокху тIаьххьарчу шина шарахь, Зеламхас со вен кхерамаш туьйссушехь, сайн дахар xIopa минотехь Iожаллина хьалха а хIиттош, нохчийн лаьмнийн, хьаннийн халчу, кхерамечу хьелашкахь округан администрацин чиновникийн а, Дагестански дошлойн полкан йеа сотнин а, Кубански пластунски батальонан а аьтто хилла гIараваьлла разбойник Зеламха а, цуьнан гIepa а хIаллакйан.
Правительствона тешамечу, муьтIахьчу нохчех вовшахтоьхначу агентурехула суна хаьара Зеламхас а, цуьнан гIерано а дIа мел йоккху гIулч, уьш мичахь бу а, уьш тIеоьцурш, царна гIодийраш, уьш ларбийраш муьлш бу а. Оцу агентуран хаамашца сан аьтто хуьлура разбойникашна тIаьхьа талла а, цIеххьана а, хаддаза а дечу тохаршца цуьнан гIepa йохо а. Цундела хIокху тIаьххьарчу шина шарахь Зеламхин аьтто ца хилира вайна зене-зуламе даккхий тIелатарш дан, ткъа кегийчу тIелатаршкахь сан отрядо лоьцуш а, бойуш а цуьнан накъостий кхачабелира.
Иштта, даим а цунна уллохь, цунна тешаме висинчу исс разбойниках 1911-чу шарахь кхоъ вийра, пхиъ дийна схьалецира. Царах шиъ тIеман-аренан суьдан кхелаца ирхъоьллира, йалх шераш хенаш тоьхна, кхоъ каторге вахийтира. Чов хилла цхьаъ кIелхьарваьлла, ведда, Хонкара вахана, хIокху махкара дIаваьлла. Царах хаьдда, цхьа висина Зеламха вайна кхераме вацара, таллархойх уьду экха санна, цхьанхьа саца ца ваьхьаш, гена лаьмнашкахула, йуькъачу хьаннашкахула ведда лелара иза. Халкъа йукъахь цуьнан хьалхалера сий-ларам дIабаьллера. Цундела хIокху махкахь шена маршонах, синтемах дог диллина, ведда, Хонкара ваха сацам хиллера цуьнан. И шен Iалашо кхочушйан аьтто ца хилира цуьнан, хIунда аьлча Шелана уллорчу цхьана кIотарахь цунна тIекхиъначу отрядо вийра иза.
Ведана округан начальник,
подполковник Каралов
XXVIII корта. ЭПИЛОГ
Даймахке безам а, Даймохк ларбар а ийманан цхьа билгало йу.
Хьадис
Шен куьйгашца а, маттаца а кхечунна бохам ца бина бусалба – иза цIена бусалба ву.
Хьадис
1
Россехь цкъа хьалха революци, тIаккха граждански тIом болуш масех декъе йекъайелира Нохчийчоь.
Цхьаболу нохчий Ведана охьахевшинчу суьйлашна – имамана Узум-Хьаьжина, Нажмуддина, туркоша кхуза ваийтинчу имам Шемалан кIентан кIантана СаьIад-Бекана – тIаьхьахIиттира.
Кхиберш большевикашна Орджоникидзена, Кировна, Гикалона, Эльдарханов Таьштамарна, Шерипов Асланбекана тIаьxьаxIиттиpа.
КхоалгIанаш Чермоев Тапа коьртехь волуш, кхоллайеллачу Ламанхойн правительствехьа гIевттира.
БоьалгIанаш белогвардейцашна Деникинна, Бичераховна, Алиевна, Чуликовна тIаьхьахIиттира.
ПхоьалгIанаш, цаьрца цхьаьнцца а боцуш, шайн-шайн гIеранаш кхоьллина, талораш деш лелара. Царна башха а бацара цIенаш а, кIайнаш а, къорзанаш а. Салтий йа гIалагIазкхий хилчахьана, бойура, цаьргара герз, духар схьа а доккхий, декъий чIанадохий, цхьанхьа дIакхуьйсура.
Дукхахболчу нохчийн ойла большевикашкахьа йара. Цкъа-делахь, цара дохийна дIадаьккхинера бIешерийн дохалла нохчийн халкъ хIаллакдина, цуьнгара маршо, мохк дIабаьккхина, иза Iазапехь даллийна оьрсийн паччахьан Iедал. ШолгIа-делахь, шаьш Iедал къехойн кара лур ду, латта, заводаш, фабрикаш халкъан дола йохур йу, къаьмнашна, динна маршо лур йу, даккхийчу а, кегийчу а къаьмнашна йукъахь нийсо йийр йу, бохура большевикаша. Ткъа нохчашка паччахьан Iедало цаьргара дIабаьккхина мохк царна йухаберзор бу а, бохура. Маршо а, шайн мехкан дай хилар а – иза дара бIешерийн дохалла нохчийн халкъо сатийсинарг. КхозлагIа-делахь, большевикашца бара нохчийн халкъан уггар хьекъале, кхетаме нах – Таьштамар, Асланбек, МитIин Iела, Солса-Хьаьжа, Соип-Молла, кхин дуккха а.
Шовзткъа эзар эпсарх вовшахтоьхна Деникинан эскар Нохчийчу деача, большевикашкахьа, Советийн Iедалехьа тIамехь ийгира эзарнаш нохчийн кIентий. Деникинцаша маситта йурт йагийра, йохийра, талийра. Азамат-Юрт, БердакIел, Гуьмсе, ГIойтIа, ГIулара, Доьлака, Къеди-Юрт, Мелчхе, Ной-Боьра, Устар-ГIарда, Хьаьдаз-Юрт, Цоци-Эвла, Iалхан-Юрт, Чечана, Энгель-Юрт, кхин дуккха а. Амма Деникинан тоьлла эскар, дохийна, Нохчийчуьра ара а даьккхира.
ХIетахь большевикашца вара Овхьад. Эскарехь кхетаме болх беш. Наггахь герз карахь тIамехь дакъалаца дезаш меттигаш а нислора. Масала, Соьлжа-ГIалахь БIедийнан тIом болуш а, ГIойтIа, Iалхан-Юрт ларйеш а. Чахкарахь хиллачу тIамехь Асланбек вуьйш цунна уллохь а вара иза. Граждански тIом чекхбаьлча, Нохчийн областан ЦИК-н органашкахь болх а бира цо. Амма Советийн Iедалан хьалхарчу шерашкахь цуьнгахьа а, большевикашкахьа а шовкъ дIайелира Овхьадан. Къаьсттина революцехь а, граждански тIамехь а дакъалаьцна нохчий даржаш къийса боьлча. Цара вовшийн сийсазбора, боьха мел дерг вовшашна тIехтухуш, ЧК-н органашка дIакхуьйлура. Иштта, оцу меттанашца цара Iедална хьалха бехбина, цхьаберш балхара дIабехира, вуьш лийцира, кхиберш набахтешкахь байира. Царна йукъахь бара Овхьада лоруш хилла Эльдарханов Таьштамар, Гойсумов Соип-Молла, Митаев Iела, кхин дуккха Iеламнах, къоман бакъболу тешаме кIентий а.
ТIаккха колхозаш вовшахтоха йолийча, цхьацца йарташкахь бахархой оцу политикина дуьхьал гIитта буьйлира. Ткъа и дуьхьалонаш Iедало йоккхачу къизаллица хьоьшура. Нах лоьцуш а, цхьаболчарна тоьпаш йетташ а. Кертара даьхни, кхидолу долалла дIадоккхуш. Жимма а таро йолу нах, кулакаш бой, церан бахам дIа а боккхуш, доьзалшца цхьаьна Казахстане ссылке бохуьйтуш. Паччахьан Iедал хийцарх, Нохчийчохь хийцаделла хIумма а ца гора. Бакъду, хьалха и таIзарш дийраш салтий а, гIалагIазкхий а хиллехь, хIинца цаьрца нохчий бара шортта. Милицийн, партизанийн, дружинникийн отрядашкахь цхьаьнакхетта. Вовшашна айкхбийлар даьржинера нохчийн исторехь цкъа а ца хиллачу тайпана.
И къизаллаш, харцонаш ца лайна, церан декъашхо ца хила балхара мукъа а ваьлла, Гати-Юьрта цIа а вирзина, хIетта кхузахь схьайиллинчу ишколехь хьехархочун балха хIоьттира Овхьад. И ишкол цуьнан вешин Iабдин цIеношкахь йара. Iабди, СаьIад, Хьуьси, кхин масех йуьртахо, кулакаш бина, доьзалшца цхьаьна Казахстане ссылке бахийтира, ткъа церан бахамаш, цIенош колхозан а, йуьртан а дола дIабелира.
1937-чу шарахь, цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш, халкъан мостагI ву аьлла бехкевина, суьдехь кхел а ца йеш, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира Овхьад. ЦIахь дисира Седа а, цхьа кIант а, кxo йоI а. КIентан ткъе пхи шо дара, цуьнан зуда а, бер а дара. Цхьа йoI марехь, ши йоI ненаца йара.
Итт шо хан йуьззина чекх а йаьккхина, 1947-чу шеран февраль чекхболуш, лагерера аравелира Овхьад. Нохчийн халкъ махкахдаккхар хиира цунна Соьлжа-ГIала кхаьчча. Казахстане, Йуккъерчу Азе бигна бохуш, хезира. Гати-Юьртахь цIахь висина нохчо хиларе дог даьхна, цига вахара Овхьад. Йуьртахь керла бахархой бара – нуьцкъах лаьмнашкара охьа кхуза кхалхийна суьйлий. Йурт тишйеллера. Цхьа а нохчо вацара йа Гати-Юьртахь а, йа луларчу йарташкахь а. Махках ца боккхуш, Веданахь цхьа доьзал битина, элира суьйлаша. Обарг Зеламхин доьзал.
Овхьад Ведана вахара. Шовзткъе кхо шо хьалха, даймахках ваьлла, цкъа Гуьржехахь, Азербайджанехь ворхI шо а даьккхина, Сибрехь ткъа шо хан а йаьккхина, веара иза Ведана, хIинца итт шо хан а йаьккхина вoгIypa. Хьалха кхуза вогIуш, шовзткъе диъ шо дара цуьнан, хIинца дезткъе ворхIалгIа ду…
Кхузахь бехаш а бара суьйлий. Хьалха тIенисвеллачу суьйличо Зеламхин кIант Iумар-Iела волчу вигира Овхьад. Цунна уггар ца дезачу милицин цIеношка. Iумар-Iела районехь НКВД-н отделан начальник вара. Овхьад мила ву хиъча, шен йиша Муслимат йолчу цIа вигира цо. Суьйранна Зеламхин важа йоI Энист а йеара цаьрга. Цара дийцира Овхьаде нохчийн халкъ махкахдаккхар муха хилира. Ведана районера дукхахболу нохчий Казахстанехь Павлодарски областехь бу, бохура цара.
– Тхан ден тхо кхоъ дисина хIинца, – бохура Iумар-Iелас. – Сол воккха ваша ткъа шо хьалха вийна бандиташа. ЧК-н белхало вара иза. Хьуна дагайогIу хир йу колхозаш вовшахтухуш а, кулакаш дIабохуш а, цхьацца йарташкара бахархой Iедална дуьхьалбевлла хан. ХIетахь кулакаша МахкатIахь вийра иза. Халкъ махкахдоккхуш, тхан да лерина, махках ца доккхуш, тхо кхоъ цIахь дитира. ХIинца пхоьалгIа шо ду со НКВД-н белхало волу. Хала ду кхузахь. Бандиташ баьржина хIокху лаьмнашкахь. Суьйлий, нохчийн бандитех бисинарш. Дийнахь-буса синтем боцуш, царна дуьхьал къийсам латто деза тхан.
Оцу буса хан йаьллачу хенахь охьавижнехь а, наб ца кхеташ дукха Iиллира Овхьад. Адамех цецвала, шена ца гуш хIумма а ца дисина, моьттура цунна цкъацкъа. Амма замано а, адамаша а цецвийла дукха хIуманаш гойтура цунна. Йерриг Россехь а, Иранехь а, Хонкарахь а, Европехь а майраллица, оьздангаллица, доьналлица гIараваьлла къонах ма вара Зеламха. Шен халкъана тIехь паччахьан Iедало латточу харцонашна, Iазапна дуьхьал, шен халкъан маршонехьа къуьйсуш, кхойтта шарахь халонаш, баланаш лайна, эххар а шен са а халкъан дуьхьа дIа ма деллера цо. Халкъо шен орцахо, шен тешаме кIант ма лорура иза. Иштта халкъан дагахь а ма висина иза. Ткъа паччахьан Iедало разбойник, бандит, адамашдайархо бохуш кхайкхавора. Иза а, цуьнан накъостий а. Ша Пачхьалкхан Думе йаздинчу кехат тIехь Зеламхас ма-аьллера, ша обарг хилла ца ваьлла дуьнен чу, шех обарг винарг Iедалан харцонаш, къизалла, халкъехь латто Iазап ду.
ХIинца хьаннашкахула, лаьмнашкахула Iедалх бевдда лелачу нахана а изза цIe тиллина. Бандиташ. Зеламхина санна, царна тIаьхьа толлуш йу милици, НКВД. Бандиташ а хир бу хIокху лаьмнашкахь. Уьш Зеламхин заманахь а бара. Къоланаш, талораш деш лелаш. Амма хIетахь а бара, хIинца а хир бу Iедалан харцонех, таIзарх шайн синош довдийна лелаш оьзда, хьанала, догцIена нах. Бандиташ а, бакъонца болу обаргаш а ца къестош, царна массарна а цхьатерра тIаьхьа толлуш ву Зеламхин кIант. Мацах шен дена, цуьнан накъосташна тIаьхьа толлуш лелла ГалаевгIар, ВербицкийгIар, АндронниковгIар, ДонагуловгIар, МорганиягIар, КибировгIар санна.
Кхин цхьаъ а дара Овхьад цецвоккхуш. Шен халкъ махкахдоккхуш, цунах къаьстина цIахь хIунда севцца Зеламхин бераш? Шайн халкъаца цхьаьна халонаш, баланаш, бохамаш лан, цуьнца махках хIунда ца бевлла уьш?
Iуьйранна иза дIаваха новкъаволуш, НКВД-н цIарах некъан кехат делира цунна Iумар-Iелас.
– ХIокху aгIop карийна нохчо хьийзаво милицис. Хьоьгахь лагерехь делла кехат-м ду. Делахь а хIара сов хир дац хьуна.
Овхьад шен доьзал, халкъ лаха Казахстане ваха новкъа велира.
Иза хIинца кхозлагIа даймахках къаьсташ вара.
Дуьххьара иза даймахках къаьсташ – вуьрхIитта шо; лаьцна, Сибрех вохуьйтуш – ткъе диъ шо хан йара цуьнан. Сибрехара цIа воьрзуш – шовзткъе диъ.
ШозлагIа лаьцна, Сибрех вохуьйтуш, кхузткъе вуьрхIитта шо дара цуьнан.
ХIинца гонаха ха а доцуш, шен лаамехь даймахках волуш – дезткъе ворхI шо.
ХIинца иза, кхин цкъа а даймахка йуха ца верза, гена новкъа велира.
Цуьнан дезткъе ворхI шо ма ду…
2
Зеламха дуьнен чуьра дIакхелхинчул тIаьхьа бIе шо гергга хан йаьллехь а, цуьнан цIе боккхачу лерамца, бовхачу безамца ларйина нохчийн халкъо. Амма цуьнан цIе иштта лоруш кхечу къаьмнех адамаш а дукха гина суна.
Киргизехь соьца болх беш вара Пантелейчук Николай. Иза колхозан коьрта бухгалтер, со – цуьнан гIоьнча. Да – молдаванин, нана оьрси йара цуьнан. Сол масех шо воккха вара иза. Жима волуш цкъа Зеламхех лаьцна кинофильм гинера цунна. Сих-сиха суна йуьйцура цо иза. Дуьненан исторехь гIарабевллачу турпалхойх цхьаъ лорура цо Зеламха.
1975-чу шарахь со волчу Мескета хьошалгIа веача, Зеламха вина йурт ган лиира Николайна. Тхойша Хорача вахара. Эвлайистехь тхойша хIоьттина лаьтташ тIевеара цхьа жима стаг. Тхойшинга хьал-де а, мичара ву а, кхуза хIунда веана а хаьттира цо. Оцу дерригенна а ас жоьпаш делча, ЗеламхагIеран цIенош хилла меттиг гайтира оцу стага. Цу меттиг тIехь цIенош дацара, гонаха керт йацара. Йуьрто дIатесна, эрна йитинера иза, цхьаммо а шен дола а ца йоккхуш.
– Зеламхин ши йоI ган лаьий шуьшинна? – хаьттира жимачу стага. – Муслиматан кIентан кIант сан доттагI ву, шуьшинна лаахь, ас Ведана Муслимат йолчу вуьгур ву шуьшиъ.
Муха ца лаьа. Зеламхин ши йоI гape ас сатуьйсу дукха хан ма йара.
Тхойша дика тIеийцира Муслимата. Сихха Энист схьа а кхайкхира. УьстагI бийна, дика шун хIоттийра. «Маршонан цIарах» романа тIера Зеламхех лаьцна корта а бешна хиллера цаьршиммо.
Цул тIаьхьа дукха хан йалале со волчу хьошалгIа веара Тифлисера сан хьаша, Iилманча-литературовед Кикнадзе Зураб Георгиевич а, цуьнца кхин цхьа Iилманча а. Хьалха тхойша цхьаьнакхетча, Зураба а дукха вуьйцура Зеламха. Оцу шинна а лиира Хорача ган. ХIинца ма-воьдду Муслимат йолчу вахара со.
Хьалха санна, Энист ша йолчу а кхайкхина, гуьржий цецбохуш, тхуна чIогIа дика хьошалла лелийра Муслимата а, Эниста а.
Шоззе а и шиъ йолчу вахча, цаьршимма дуккха а дийцира шайн дех лаьцна. Суьрташ, ширачу газетийн материалаш гайтира. Ца дийцинарш цхьадерш Гатуев Константинан книги тIера а хаьара суна. Гатуевн а хиллера цаьрца цхьаьнакхетарш.
Ссылкехь шаьш йаьккхинчу хенахь Лом-Iела а, Ахьмад а велча, шайн бIарзделла хьийзар а, цигарчу оьрсаша шайн догъэцар а дийцира. Къаьсттина бовхачу безамца йуьйцура ссылке йахийтина къона революционерка Валентина Михайловна Карташева. Цо шаьш йоза-дешарна Iамор а, шайна гIoдар а.
– Тхуна цIa дерза бакъо йелча, тхо новкъа даха йеара Валентина Михайловна. Тускарш чохь булочкаш, кхехкийна хIоаш, шура, нехча, кхин дуккха а хIуманаш йохьуш. Новкъахь эшахь а аьлла, ахча а делира цо. Тхан да вийна аьлла, газеташ тIехь дешча, тхоьга кадам беш Соьлжа-ГIала кехат даийтира цо Минусинскера схьа. Дика адам дара иза, догцIена, къинхетаме, комаьрша.
ТIаккха, Зеламха вийча, цуьнга хьовса шаьш дигар а, иза дIаволлар а дийцира Муслимата.
– Тхо Соьлжа-ГIала далийра. ЦIерпошта тIера охьадиссийча, салтийн а, жандармийн а ха хIоттийра тхуна гонаха. ХIара суьрташ хIетахь даьхна тхан. Сой, Энист къаьсттина хIоьттина йу, доьзалехь тIаьххьара йуьсур йуйла хууш санна. Йарташка даха бакъо ца лора. МирзоевгIеран цIeношкa дIатардира. ЦIеношна гонаха а ха хIоттийра. Уггар хьалха Мухтаров веара тхо долчу. Тхан ден хьаша, хьолахо, азербайджан. Мохьмад, Энист деша дIатардан лаар хаийтира цо. Тхуна дешар оьшу, бохура. Энист хIетахь цомгаш йара. Иза деша йохуьйтийла ца нисделира. Мохьмад реальни училище дIатарвира цо.
– Даа, тIедуха, кхин оьшург мичара хуьлура шуна?
– Iедало баттахь ткъе пхи сом лора тхуна. КIезиг ахча-м дара иза. Гергарчара гIo деш хене довлура. Ахьар, дама, жижиг, кIалд, кхиерш латтайора. ТIаккха оцу ткъе пхеа соьмах тхаьшна тIедуха, когадуха оьцийла а хуьлура. Генадевлла кечдала гIерташ тхо а дацара. Иштта, цхьа гIедакх дан гIертар-кх.
– Зеламха воций, муха хиира шуна?
– Оцу дийнахь цхьацца кега-мерса xIyмa эца базара йаханера со, – элира Эниста. – Цигахь дуьйцуш дара, Зеламха вийна бохуш. Йедда цIа а йеана, нене элира ас, дада вийна бохуш, дуьйцу базарахь аьлла. Нана цомгаш йара оцу деношкахь. Нана а, Зезаг а ца тешара. Бакъ хилча, газеташ тIехь хир дара иза, бохура. Мохьмада, ведда вахана, газет деара. Цу техь хIумма а дацара дадех лаьцна. Дукха хан йалале цхьа полковник веара тхо долчу. Цо дийцира тхуна, дада вийна, дакъа Шела деана, иза билггал Зеламха хилар хаа деза Iедална, нана цига дIайан йеза аьлла. Нанас, ша цомгаш йу, цига дIайалур йац, элира. Полковник, ца тешаш, хьаьжира меттахь Iуьллучу нене. ТIаккха дIа а вахана, цхьа ах сахьт далале йухавеара иза, лор а валош. Лор леррина хьаьжира нене. Ша хьаьжна ваьлча, нана цомгаш хилар чIагIдира цо. ТIаккха, Зезаге йола, элира полковнико.
Муслиматна а, Энистана а шера оьрсийн мотт хаьара. Соьга а, шина гуьржичуьнга а акцент йоцуш ца бийцалора иза, ткъа цаьршимма, цхьа а акцент йоцуш, цIена буьйцура.
– Зезаг кечъелча, со а, Мохьмад а тIаьхьахIоьттира, тхойшиъ догIу аьлла, – къамел шега дIаийцира Муслимата. – Полковнико дуьхьало ца йира. Автомобилахь Шела дигира тхо. Базаран майданахь лаьтташ дукха адамаш дара. Йарташкара нохчий, суьйлий, Соьлжа-ГIалара, станицашкара баьхкина оьрсий. Суьйлийн дошлоша а, гIалагIазкхаша а майданара дIалоьхкура нах, амма уьш йуха а цига дIагуллора. Дена тIедигира тхо кхоъ. Тишачу черта тIехь Iуьллура иза. Хьерчийна гIевланга диллина цуьнан шен тиша чоа дара. Бедарш тIехь дакъадалаза детта цIий дара. Суна ца вевзира да. Ши шо хьалха суна гинчух тера вацара. Суна тIаьххьара гинчу хенахь дегI дуьзна, йуьхь горга йара цуьнан. ХIетахь маж-мекх хуьлура доцца лергина. Ткъа суна хьалха Iуьллург кхин стаг вара. Оза, йеха йуьхь, буткъа мара, деха маж-мекх, чуэгна беснеш йолуш. Къаьсттина ца девзара куьйгаш. Тхо цо хьоьстуш, дадин куьйгаш даим кIайн, цIена, кIеда хуьлура. Ткъа суна хьалха Iуьллучун куьйгаш Iаьржа, эндаже дара.
– ХIapa Зеламха вуй? – хаьттира тхоьга полковнико.
– Аса, вац, элира. Зезага, ву, элира. ТIаккха тIегулделла адамаш дIаса а лаьхкина, ден дакъа йуьртден канцеляри чу даьхьира. Дакъа лоьраша этIо деза, бохура. Тхо цигахь а долуш, дIавоьллира дада. Салтийн говраш кхобучу божална улло. ЦIан а ца веш. Марчо а ца хьарчош. ЦIеша йуьзначу бедаршца. Иштта дIаволлар-м, гIаддайча, тардолуьйтура оха. ГIазотехь велларг лийча ца веш, марчо а ца хьарчош, Йасин, ЗаIам ца доьшуш дIаволла магош хиларна. Амма кешнашка а ца вуллуш, божална уллохь, кхелли кхийсинчу маьIIехь иза дIаволлар дагахьбаллам буьтуш дара.
Муслимата дуьйцурш цхьадерш суна керла а дацара. Амма шина гуьржичо, цхьа дош тIех ца туьлуьйтуш, ладoьгIypa. Цхьадерш шен блокнота тIе дIайаздора Зураба.
– Да дIавоьллича, цуьнан кошан борза тIе а хIиттина, Соьлжа-ГIала йухадирзира тхо. Полковнико автомобилахь далийра. Нана ца тешара дада вийна бохучух. Цо йух-йуха а хоьттура, цуьнан дакъа дарий иза бохуш. Ас, дац, олура, Зезага, ду, олура. Зезагах тийшира нана. Мичахь, муха дIавоьллина иза, хаьттира. Оха дийцира. Нанна чIогIа вас хилира.
– Мацца а цкъа xIapa де тIехIуттур дуйла-м, хаьара суна, – бохура цо. – Кхойтта шарахь синтем байна лелла со. Арахь цхьаьннан когийн тата хезча, хIинца-м иза вийна аьлла, хаийта вогIуш стаг ву бохуш. Iожалла-м Делера йара. Ша кхоьллина синош цхьацца бахьанашца дIадуьгу цо. Азаллехь иштта Iожалла йазйина хилла цуьнан. Адам ма дара иза. Бусалба ма вара иза. Йуьртан кешнашка дIаволлийтинехь ма мегара. Къен делла бежана санна, цхьанхьа керта улло дIатаIийна. ХIан-хIа, Зезаг, иза кешнашка дIа ца воьллича, сатуьйр дац сан…
– ШолгIачу дийнахь Iуьйранна, хьалххе гIеттина, Ведана округан начальникна Караловна тIейахара нана, – кхидIа а дуьйцу Муслимата. – Дадин дакъа схьа а даьккхина, кешнашка дIадолла бакъо лахьара тхуна аьлла. Начальнико бакъо ца йелира. Иза шен карахь дац, областан начальникна тIе а гIой, цуьнга йеха и бакъо, элира. Дог доьхна цIа йеара нана. БуритIа йаха-м хала ца хетара цунна. Цига лелаш цIерпошт йара. Цхьадика, хIетахь областан начальник Михеев вацара. Иттех де хьалха цигара кхечухьа балха ваьккхинера иза. Хьалха тхо набахтехь а, ссылкехь а долуш тхан дас, тхо марша ца дахахь, ша иза а, цуьнан йоI а, нуц а йийсаре дигна дуьйр ду бохуш, кхерамаш тийсинера Михеевна. Цуьнан метта керла начальник вара. Флейшер цIе йолуш, цхьа инарла. Немцо вара, моьтту суна, иза. Цундела цунах догйовха йара нана. Инарлина тIейаха сацам хилира цуьнан. Цуьнца со а йахара. Нанна оьрсийн мотт ледара хаьара. Мухтаров а веара тхоьца. ДIакхаьчча, Флейшер цIахь ца карийра. ГIизлара вахана, элира. ХIинца хIун дан деза-те бохуш, йоьхна хьаьвзира тхойша. Начальник ца хилча, цуьнан метта цхьаъ хила ма веза аьлла, дагадеана, хаьттича, инарла Степанов ву, элира, цуьнан хьалхара гIоьнча. Иза тхуна цкъа гинера. Тхо набахтехь долуш, тхоьгара хьал-де а, тхуна хIун оьшу а хьажа веача. ХIетахь иза вон стаг ца хийтира суна. Цунна ца йевзира тхойша. Ас цIерш йехира. Тхойша Зеламхин зуда а, йоI а йу аьлла.
– Шуьшиъ хIунда йеана? Зеламха вийна. ДIавоьллина. Кхойтта шарахь шу балехь латтийна цо. ЦIийнах-цIарах даьхна, Iазап хьоьгуьйтуш. Набахтешкахула, Сибрехула. Шу даккхийде дезара, шаьш цунах маршадовларна!
– Дера, оха халонаш, баланаш ма лайна. Цо а, оха а. Цунна бехке иза а, тхо а дацара. Цхьаболчу хьаькамийн харцонаша ваьккхира иза оцу новкъа. Бехке хиллехь а, тхан да ма вара иза. Шу а маршадевлла цунах. Iедална кхераме волчуьра дIаваьлла иза. Веллачуьнца хIун къуьйсур ду? Массо къоман, массо динехь гIиллакх ду велларг, цIанвой, марчо хьарчадой, йа цIена духар тIедухий, кхидерг а дой, кешнашка дIавуллуш. Ткъа тхан да уьш цхьа а ца лелош, Шелахь, салтийн говраш кхобучу божална уллохь, кхелли кхуьйсучу меттехь, цхьана мaьIIеxь лаьттах воьллина. Иза бусалба динехь, нохчийн гIиллакхехь кешнашка дIаволла лаьа тхуна.
– Шун дехар кхочушдан бакъо йац сан, – элира Степановс. – Со областан начальник ма вац. Цуьнан гIоьнча ву. Цо аьлларг дан дезаш.
Хьала а гIеттина, вист ца хуьлуш, ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, мосазза а дIасаволавелира инарла. ТIаккха араваьлла вахана, цхьа зуда а йалош, йухавеара.
– Ольга Михайловна, xIapa шиъ Зеламхин зуда а, йоI а йу, – тхо довзийтира цо. – Ткъа xIapa областан начальникан зуда Ольга Михайловна йу.
ХIун дара а, хаац, бIаьрг ма-кхийтти, оцу зудчуьнга безам бахара сан. ТIейуьйхина, дегIа тIейуьжуш, баргIатан йеха коч, когахь оццу басахь туфлеш, кочахь дашочу зIенах тесна деган суьртехь дашо мидал йара цуьнан. Iаьржа йеха ши чIаба, хаза Iаьржа цIоцкъамаш, йехо ала мегар долуш йуьхь, халла хаалуш хьалахьаьвзина мара, ховха цIен балдаш долуш, шовзткъа шо хенара зуда йара иза. Со мара а къевлина, йилхира иза. Оьрсийн гIиллакхехь кадам а бира тхойшинга. Нохчашна моьтту, оьрсий, керстанаш берриг а къиза бу. Тхаьш Сибрех диггалц, суна а моьттура. Амма цигахь хиира суна дукхахболу оьрсий къинхетаме а, догцIена а хилар. ХIетте а инарлин зуда иштта къинхетаме хир йу, ца моьттура суна.
– Сан майра, Сергей Николаевич, цIaxь вац, – элира цо, гонаха хаза тир йаьккхина кIайн жима йовлакх бIаьргех а хьаькхна. – Суьйранна цIа кхочур ву иза. Сайн йишина а, йоIана а санна, гIо дийр ду ас шуьшинна. Тховса буьйса йоккхуш гIалахь саца, кхана Iуьйранна ас дикачу агIор кхаъ хазор бу шуна.
Буса цигахь ца йисира тхойша. Соьлжа-ГIала йухайирзира. ШолгIачу дийнахь Караловс шена тIекxaйкхира нана. Цуьнца со а йахара.
– Областан начальнико бакъо йелла Зеламхин дакъа шайна луъучу дIадолла. Aмма иза схьавоккхуш, дIавуллуш дукха адам ма гулдалийта аьлла. Шовзткъа стагал совнаха цхьа стаг а ма хилийта.
Шелан йуьртдега, пурстопе кехат а йаздина, тхойша цига хьажийра Караловс. Областан а, округан а начальникаша дихкинехь а, дукха нах гулбелира дакъа схьадоккхуш. Уьш дIалахка гIиртира цига балийна дегIастанхойн дошлой. Амма нах хIора минотехь тIеттIa алсам гуллора. Цхьана нехан керта а ваьхьана, цIaнвинa, марчо а хьарчийна, бусалба динехь, нохчийн гIиллакхехь Шелан кешнашка дIавоьллира иза. Тхо а дахара кешнашна тIекхаччалц. Тхуна тIе а богIуш, наха кадам бора тхоьга:
– Дала гечдойла Зеламхина. Дала гIазот къобалдойла цуьнан! Майра, оьзда, доьналле къонах, халкъан тешаме кIант вара иза. Ишттачу къонахчун кхоам бара, шуьшиъ санна хIусамнана а, йоI а ца хилча…
3
Тхан къамел дерзош, тIаьххьара а йукъа йистхилира Энист:
– Тхан доьзалх со а, Муслимат а йисина. Тхо пхи бер дара тхан ден а, ненан а. Уггар хьалха массарал жима Ахьмад велира, тхо Сибрехь долуш. ТIаккха Мохьмад велира. Советийн Iедал тIедеанчу хьалхарчу шерашкахь Iедална герзаца дуьхьало йеш цхьа нах бара. МахкатIахь Iедална дуьхьал гIевттинчу кулакаша вийра хIетахь ЧК-н органашкахь балхахь волу Мохьмад. 1943-чу шарахь НКВД-н органашка балха вахара Iyмap-Iела. Ведана районехь НКВД-н отделан начальник волуш, 1947-чу шарахь апрелехь бандиташа йамартлонца вийра иза. Iумар-Iела чIогIа лорура Iедало. Партин райкоман бюрон член вара иза. «За оборону Кавказа», «За победу над Германией в Великой Отечественной войне» мидалш йеллера цунна. Хаси-Юьртахь цхьа урам а бу цуьнан цIарах7.
– Каш мичахь ду цуьнан? – хаьттира ас.
– Веданахь. Мохьмадана уллохь.
– Iумар-Ieлин Iожалла муха хилира?
– Нохчий махках бохуш, тхан дега болчу лерамна, тхо, цуьнан кхо бер, цIахь дитира Iедало, – дуьйцура Муслимата. – Тхайн доьзалшца сой, Энист, Iумар-Iела, тхан ден шичан Iеламхин кIант Ваха а. Iумар-Iела зуда йалоза, доьзал боцуш вара. Нохчийн халкъ махках даьккхинчул тIаьхьа Ведана лаьмнашкахь бандитийн гIеранаш йаьржинера. Царах уггар къизаниг Абаевн гIера йара. ХIетахь Ведана районехь НКВД-н начальник волуш Iумар-Iелин аьтто хилира масех бандит шайн лаамехь Iедална тIевало. Абаевс хабар тоьхнера Iyмap-Iеле, ша хьоьца къамел дан лууш ву, цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйахьара аьлла. Iумар-Iела резахилира. Со йолчохь Iаш вара иза. Цхьана дийнахь суьйранна цIа веача, кхана Iуьйранна ша волчу вогIур волуш хьаша ву, Меди, цунна дика кхача кечбелахь, аьлла, соьга дехар дира цо. Иза мила ву аьлла, ас хаьттича, Абаев ву, иза ша мухха стаг велахь а, хьошалла лело ма деза, элира. Iуьйранна сатоссуш, тхан керта веара Абаев. Шен герзаца. Масех сохьтехь къамел хилира цаьршиннан. НеI а херйина, цаьршинга ладоьгIуш сан кIант Барон а, арахь кора кIел Ваха а лаьттара. Iумар-Iелаc Iедална тIевола бохура цуьнга. Абаев реза вара, нагахь ша ца вейта Iумар-Iелас дош лахь. Делкъал тIаьхьа къамел гIовгIане делира цаьршиннан. Абаевс маьттаза дешнаш кхуьйсура. Шен хаьн тIера маузер ца хьаеш, четара схьайаьккхина, Iумар-Iелина йамартлонца тапча туьйхира Абаевс. Арахь, кора кIел лаьттачу Вахас, коран ангали дохийна, чу тапча йиттира бандитана. Барон цIа чу иккхича, Абаев велла Iуьллуш, Iyмap-Iела чов хилла карийра цунна. Сихха Махачкалара уггар говза хирург валийна, операци йира, амма цунах гIо ца хилира. Цхьаъ бен жим бацара Iумар-Iелин. Цунах кхеттера дIаьндарг…8
Муслимата а, Эниста а шира суьрташ гайтира суна. Сибрехь долуш даьхнарш а. Вийна Iуьллучу Зеламхина тIехIиттина гIалагIазкхаша а, дегIастанхоша а даккхийтина маситта сурт а. Цхьанна тIехь Зезаг, Муслимат, Мохьмад, кхин цхьа йоккха стаг а йара.
– И зуда мила йу? – хаьттира ас.
– Ца йевза тхуна. Цхьанхьара йалийна, тхуна улло хIоттийнера иза.
Шаьшшиннан тIаьххьара цхьаьна даьхна суьрташ делира цара суна. Тхан цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа пхийтта шарахь йехира и шиъ. Муслимат 1990-чу шеран 13-чу сентябрехь дIакхелхира, Энист – цунна тIаьххье, цхьа кIира даьлча…
***
Луларчу къаьмнаша йоIбIаьрг санна лерина ларбо шайн историн, культурин хIолламаш. Масала, масех бIешо хьалхалера гIишлош, бахаман а, пхьоланийн а гIирсаш, герзаш, пхьегIаш, хIусамера йийбар. ХIинца, цивилизацин, электроникин заманахь а, цара дIа ца тосу бIешераш хьалхалера шайн къоман белхан шира говзаллаш. Уьш тIекхуьучу тIаьхьенашна, Iамош, дIало. ДегIастанахь дуккха а барамехь дешин-детин а, цIестан а, эчиган а, тIулган а, кхийран а пхьераш бу. Вертанаш, истангаш, кузаш деш, кхин дуккха а шира говзаллаш йолуш зударий, божарий бу. Цигахь йозанца дIайазйина йу xIopa йуьртан масех бIешеран истори. XIopa тIаьхьено лерина дIайаздо шайн заманахь оцу йуьртахь хилларш. И тептарш тIекхуьучу тIаьхьене дIало.
Шен дIадахнарг ца хуучу халкъе керланиг а, тIехиндерг а кхоллалур дац. ДIадахнарг таханенан а, кханенан а бух, орам бу. Шен исторехь хIинццалц схьа дIадахнарг лардан а, тIейогIучу заманахь шена оьшудолчун ойла йан а кIорггера кхетам ца хилла нохчийн халкъан. Цундела шен таханлерчу тIаьхьене а, тIейогIучу тIаьхьенашка а дIагайта цу лакхахь дийцинчарах цхьа а xIyма дац цуьнан. Атталла, лаьмнашкара шира бIаьвнаш а, кешнаш а ца лардо. Мелхо а, йохалург йохийна, талийна.
Къоман Iилманнa а, дешарна а, культурана а, могашалла ларйарна а, Iаламна а бIе шарахь меттахIотталур доцуш зенаш дина нохчаша хIокху тIаьхьарчу масех шарахь. Пачхьалкхан, йукъараллин долара бахамаш талийна, электросерлонан, телефонийн зIенаш йохийна. Къинхетамза хIаллакдо къоман йукъара долалла – хьаннаш, мехкадаьтта, газ, дерриг а Iалам.
ДегIастанахь шайн къоман турпалхошна, махкана, халкъана пайдехьа гIуллакхаш динчу къонахашна, Iилманчашна, йаздархошна, суьрташдахкархошна, композиторшна, илланчашна хIолламаш хIиттийна уьш бинчу йарташкахь а, республикан столицехь а.
Амма Нохчийчохь ца хIоттийна цхьанна а.
Сиржа-Эвлана уллохь, Ведана хьалабоьдучу некъана аьтту агIор, йистехь, Советийн Iедал долуш хIоттийна скульптурни хIоллам бу. Говре хи молуьйтуш, ша хи а молуш сецначу нохчочун. Скульпторо хIумма а дагахь а доцуш хIоттийна хила тарло иза, амма халкъо Зеламха ву аьлла, тIеэцнера и хIоллам. Цунна гонаха керт йара, чоьхьа хаза бай болуш. Масех шо далале йохо йолийра иза нохчаша. Охкуш, тIе цIерш йазйеш а, герзаш детташ а. ХIинца цуьнан хилла керт а йац, гонаха къух даьлла, массара а дIатесна лаьтта иза. Амма цуьнан дола дан а, сий дан а, лера а кхетам, йахь ца хили нохчийн…
1997 шеран 25 октябрь –
1999 шеран 18 май.
Мескета