bannerbannerbanner
полная версияДарц

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Дарц

Полная версия

Асхьаб, цIа а ца воьдуш, къайллах оцу стагана тIаьхьавахара. Йуьртара араваьлча, цкъа саца а сецна, гондIа бIаьрг туьйхира цавевзачо. ТIаккха Хулхулон тогIица хьала лома волавелира. Цкъацкъа, садаIа санна соций, хьалха а, тIехьа а бIаьрг тухура цо. Хорачана кхо чаккхарма гена ваьлча, Хулхулон тогIи чохь сецна а Iийна, йукъа хан йолуьйтуш, кхузза тайп-тайпанчу озехь шок туьйхира, тIаккха тIулган бердах йаьхначу киртигашна тIехула лома хьалавелира.

Асхьаб йухавирзира. ХIинца иза цхьана новкъа ваьлла. Дисинарг тIаьхьа толлур ду цо. Асхьабана хаьара цавевзарг хьалаваьллачу ломах хьех хилар. Муха ца хаьа, бераллехь, Зеламха а цхьаьна, уьш хийлазза оцу хьехахь левзина хилча. ХIинца иза шеквара Зеламха цигахь къайлаваьлла хиларх. Амма цхьа а шеко ца йуьтуш, тешам боллуш талла дезара и гIуллакх.

ШолгIачу дийнахь шен тоьпаца талла воьдучуха оцу агIор лаьмнашка вахара Асхьаб. Хулхулон тогIи чухула хьехана кIел ца воьдуш, хин вукху агIор, хьехана дуьхьал болчу лома тIе хьалавелира. Цигахь, цхьана торхана тIехьа а лечкъина, хьехе бIаьрг туьйхира цо. Хьехан бертиг къевлина йара серагех дуьйцинчу зIараца. Хьехан бертиган лакхенца халла хаалуш кIур бара арашершаш. ЛегIанчу бердах йаьхначу киртигашна тIе диллинчу лай тIехь адаман когийн керла лараш а гора.

ХIинца дерриг а гуш дара. Хьехахь вехаш стаг вара, иза Зеламха бен хуьлийла а дацара. Амма цхьа а тайпа шеко ца йита, оцу хьеха лела стаг мила ву хаа дезара цунна. Кхаа дийнахь Хорачахь, Веданахь, Дишни-Веданахь, Эшалхотехь шен гергарчу нахехула теллира цо, хIокху агIорхьара а воцуш, ткъе итт шо хенара стаг гиний шуна кхузахула лелаш бохуш, хоьттуш. Эххар а цхьаъ карийра цунна иза гина а, вевзина а. Мичара ву а, цIе а ца хаьара цунна, пхи-йалх шо хьалха Ведана набахтера Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, Зеламхас салташкара схьаваьккхина жима стаг ву, бохура.

Цул тIаьхьа масех дийнахь синтем байна хьийзира Асхьаб. Цуьнан даг чохь хьогIо а, сутаралло а къуьйсура. Зеламхин коьртах берхIитта эзар сом совгIат кхайкхийна Iедало. Амма иза дийна йа вийна шена тIевалийначунна. Асхьабе йа дийна а, йа вийна а дIавалалур вац иза. Ткъа Зеламха волу меттиг йийцинчунна лур дуй-те Iедало ахча? Иза ца кхайкхийна. Делахь а, пхи эзар сом ца луш Iийр бац. Эзар сом делча а, тоуьйтур дара Асхьаба. ТIаккха, Хорачахь-м хьовха, Хулхулоца а, Бассаца а йолчу йарташкахь цхьаьннан доцчу тайпана даккхий, дика цIенош хIиттор дара, ши говр, гIудалкх, бежанаш, уьстагIий оьцур дара цо. ХIокху aгIор уггар воккха хьолахо хир вара цунах. Цхьа а сом ца делча а. ХIумма а дац. Цара Зеламха вийча а тоьу цунна. Асхьабан дог Iебар ду.

Мотт хьош, гена ваха а ца дезарa. Массо а йарташкахь лаьтташ таIзархойн отрядаш йара. Хорачахь а йара пластунийн, гIалагIазкхийн отряд. Цуьнан начальник ву полковник Мокрицкий. Амма Асхьаб цунах ца теша. Веданара полковник цул лакхара ву. Округан начальник. ШолгIачу дийнахь Караловна тIевахара Асхьаб. Цуьнга ахча хьахийра цо. Зеламха волу меттиг йийцича, мел ахча ло Iедало аьлла. Каралов, бат раз озийна, меха йохка ирйеш санна, мекхийн йуьхьигаш ийзош, вела а ийзош, вехха Асхьабе хьийжира, дуьххьара шена гучу тамашийнчу экхане санна. Баккъал а, Асхьабан сурт гуттаренна шен даг чу дижо санна, хьоьжура цуьнга подполковник. Коьса йуьхь, готта хьаж, воьда мара, хье тIе хевшина пхьидачарех тера даккхий, цхьа а тайпа бос боцу бIаьргаш, дуткъий балдаш, кIеззиг логах къаьсташ чIениг. Йерриг схьалаьцча, мукадехкачух тарйелира цунна Асхьабан йуьхь. КIилло, сутара, стешха, йамарт стаг аьлла, мах хадийра цо шен хьешан. Цунна бIаьрга ган ца безара и тайпа нах.

– Зеламха дийна йа вийна Iедале схьавеллачунна кхайкхийна ахча, – элира цо, цигаьрках боккха баьккхина кIур чу а оьзна, Асхьабан йуьхь-дуьхьал схьа а хьоьжуш. – Иза волу меттиг йийцинчунна ца кхайкхийна. Иза вийна йа дийна Iедале схьавеллачунна кхайкхийна. Амма ахь йийца йеза Зеламха волу меттиг. Ца йийцахь… – начальникан бIаьргаш цIеххьана ткъесах къегира. – Ца йийцахь, ас тховссехь набахти чу кхуссур ву хьо. ТIаккха Сибрех вахийтина, цигахь вахкор ву.

Цкъа коьрта тIера массо чо ирахIоьттира Асхьабан, тIаккха когашкара хьала дегIе шело хьаьдира. Мотт толкха а лелхаш, йийцира цо Зеламха къайлаваьлла меттиг. Хьех мичахь йу а, цунна тIе мичхьахула ваха веза а.

– Йуьртдена хаьа, иза мичахь йу. Массарна а хаьа. Амма цхьаьнгга а со цавийцар доьху ас…

Подполковникна хIинцале а вицвелира Асхьаб. Цунна Асхьабан цIе а ца хаьара. КхидIа цунна оьшуш а бацара и мукадахка.

3

Сатоссуш, округан начальник подполковник Каралов коьртехь а волуш, пластунаш, ши рота салтий, гIалагIазкхийн сотня кхечира Хорача. Мокрицкий волчохь, ша стенна кхайкхина а ца хууш, хорачойн йуьртда вара. Караловс подполковникашца Мокрицкийца, Масленниковца, кхин масех эпсарца а йоццa кхеташо йира. Хьех йолчу меттиган карта а хIоттийра.

– Кхузахь дуьхьал тIелатар эрна хир ду. Лахара хьала а, лакхара охьа а хьеха тIе лекха берд бу. ЛегIана-м бу иза, делахь а волавелла хьеха тIе хьала а, охьа а валалур вац. Хьеха тIе хьалавалалуш цхьа некъ бу. Некъ аьлча а, тIулган бердах киртигаш а йохуш бина шатайпа лами. Зеламха цигахь ша цхьаъ бен вац. Амма цуьнгахь алссам герз хир ду. Хьалха тIе мел гIоьртинарг вуьйр ву цо. Суна хетарехь, гo бина, дийна кIелхьарваларх цуьнга дог диллийтина, ша тIевогIучу хьоле хIотто веза иза. Отряд кхаа декъе йоькъур йу вай. Цхьана отрядаца хьеха кIел, Хулхулон тогIи чу, хIуттур ву со. Мокрицкийс хьехана тIехулара, Масленниковс – хьехана дуьхьалара лам дIалоцур бу. Цкъа хьалха Зеламхица машаре дийцарш дийр ду вай. Оцу Iалашонца Зеламхин гергара стаг вахийта веза цунна тIе. Зеламхина а, вайна а тешаме стаг. Иштта стаг кхузарчу йуьртдена карор ву. ХIинца шайна хетарг ала пурба ду шуна.

Ши полковник резахилира оцу планна.

– ДегIастанца дозанаш дIакъовлар доьхуш, Iаьндан округан начальнике телеграмма йелча, бакъахьа хетара суна-м, – элира поручика Кибировс. – Хьанна хаьа, гонна йукъара а ваьлла, Зеламха цига дIагIортахь а.

– Иза а совнаха хир дац, – тIетайра Каралов.

1911-чу шеран 9-чу декабрехь, Iуьйранна 8 сахьт долуш, шаьш хIоттийнчу планаца операци йолийра Караловс. Хьехана дуьхьал ломахь чIагIвеллачу подполковника Масленниковс хаам бира, хьехан бертиг серагех дуьйцинчу зIараца къевлина гo, кхин гуш хIyммa а дац аьлла. Цигара дIа хьеха тIе тоьпаш тоьхча а, чуьра схьа Iап-сап а ца хезара. Караловн омрица Масленниковс хьехана герга разведке хьажийра эскаран старшина Яковлев а, подъесаул Варламов а, лаамхойх пхи гIалагIазкхи а, Зеламхин цхьа чIирхо а. ТIулгех кхийзалуш, охьакхийсалуш, шершаш, лома йуккъе а бевлла, хьеха тIе мосазза а тоьпаш туьйхира цара. Хьеха чуьра схьа шозза топ йелира. Варламов а, чIирхо а, йуьхьаркхоссавелла, керчаш, кхийсалуш, бердах чу а вахана, цхьаццанхьа сецира. Хьеха чуьра шозлагIа а шозза тоьхначу тоьпо шина гIалагIазкхичунна чевнаш йира.

Караловс машаре дийцарш дан Зеламхина тIехьажийра цуьнан гергара стаг.

4

Сатоссучу хенахь хьалагIеттина Зеламха, Хулхулон тогIи чу а воьссина, цIано а йина, шийлачу хица ламаз а эцна, хьеха хьалавелира. Перза а, суннат а ламазел совнаха а ламазаш дора цо. ТIаккха вирд а доккхий, дехха доIа а дой, паргIатволура. Дала тIедехкина декхарш кхочуш а дина, цIе а латийна, сийсара йууш йисина кхоьш чохь болу йай очакха тIе а хIоттийна, самовара чохь чай даккха кечамбан вуьйлира иза. Iуьйре йинчул тIаьхьа, чуьчча когаш бухкуш, маьнги тIе охьа а хиъна, суьлхьанаш кара а лаьцна, зуькар деш Iаш, лакха тIера охьакерчаш беана жима тIулг хьехан бертигна тIехула чубуьйжира.

Хьала а гIеттина, хьехан берте вахана, тогIи чу, тIаккха дуьхьал лома бIаьрг туьйхира Зеламхас. Уьш мел лечкъа, ларбала гIертахь а, шинххьа а салтий гира цунна. Лома буьххьерчу салташа хьеха тIе тоьпаш тоьхча, царна дуьхьал топ ца тухуш Iийра иза. Лома йуккъе охьа а бевлла, тоьпаш тоьхча, ца Iевелира. Цаьрца ши эпсар а, цхьа нохчо а вара. И нохчо шен чIирхойх хилар хаьара цунна, шеко йоцуш. Уьш даим а хуьлура цунна тIаьхьатоллучу таIзархойн отрядашца. Хьалха эпсарна, тIаккха нохчочунна, хье йуккъе ниша а лаьцна, шозза топ туьйхира Зеламхас.

ТIаккха цхьана ханна дIатийра салтий. Амма Зеламха сема вара. Хьехана лакха тIехь салтий буйла а, хаьара цунна. Цигара охьа наггахь тIулгаш керчара.

Масех минот йаьлча, тогIи чуьра хьала цхьаьннан мохь хезира Зеламхина:

– Ва, Зеламха! ТIе ма тохалахь! Со Асламха ву хьуна! Полконако хьуна тIе хьажийна со!

Зеламхас шен топ охьайиллира. Масех минот йалале, хьуьхьвоьлла, халла садоьIуш, хьехан бертехь сецира стоммачу дегIара цуьнан ден маьхчин кIант Асламха. ЗIар дIа а теттина, иза хьеха чу валийтира Зеламхас. И шиъ мараиккхира. Зеламхас доцца хьал-де а хаьттира.

– Дукха буй и Делан мостагIий?

– Дукха бу, Зеламха. Хорачахь бIе гIалагIазкхи а, бIе ца кхоччуш гIашсалтий а бара. Тахана Iуьйранна сатоссуш, Веданара кхин тIе а баьхкина. Масех бIе гIалгIазкхи а, гIашсалти а. Шайн коьртехь Каралов а волуш. Кхин цхьа полконак а. Оццул сиха муха карийна а, хаац, хьан чIирхой а бу цаьрца. Салташа тогIи а, хьалхара лам а, лакха тIера лам а дIалаьцна. Хьуна го бина, Зеламха, тIомаваьлла а, хьо кIелхьарвалалур воцуш.

– Хьо хIун дохьуш ваийтина?

– Дуьхьало ца йеш, каравола, боху хьоьга Караловс…

Зеламхас кхидIа ца дийцийтира.

– Кхузахь со цхьаъ ву ала оцу гIизбе полковнике. Хьо боьрша велахь, со схьалаца ала. Россера дерриг эскарш схьадаладе ала. Бусалбанаш ма балабе, оьрсий, керстанаш балабе ала. Дийна а волуш, со лоцур вац ала.

– Цара вуьйр ма ву хьо, Зеламха. Уьш берриг а байа хьуна патармаш тоьур ма дац. Патармаш кхачийча, хIун дан воллу хьо? Хьан кхача а ма бац шина-кхаа денна бен. ТIаккха, мацалла бIарзвина, лоцур ма ву хьо…

– Суна са ма гатде, Асламха. И Делан мостагIий байа тоьур долуш патармаш ду соьгахь. ХIетталц баа кхача а бу, мала хи а ду. ДIагIо. Сан жоп дIакхачаде полковник бохучу оцу зуьде.

Ша хьехара аравалале Зеламха маравоьллира Асламхас. Кхин иза дийна шена гур вац аьлла.

5

Хьеха тIе тоьпаш йеттар эрна дара. Бертехула чу-м йетталора дIаьндаргаш, амма Зеламхина шортта меттиг бара царах ларвала. Цхьана есауло гIалагIазкхий бахийтира, ча а, йекъа жIолмаш а йан. Уьш хьехан бертиге а йоьттина, царах цIe а латийна, хьеха чохь Зеламхина кIур бан. Амма лакхара охьа чутуьйсу жIолмаш а, ча а, хьехан бертехь ца совцуш, шершаш, лаха тогIи чу охьаоьхура.

 

Иштта эрна кхийссарш йира шина сохьтехь. Кхузахь йоккха топ йезара хьеха чу йетта. Цул совнаха, шен тIеман ницкъаш кIезиг а хетара Караловна. Операцина тIехь куьйгалла дар подполковникна Мокрицкийна тIе а диллина, Соьлжа-ГIала ваха новкъа велира иза. Веданара дIа телеграфаца хаам бира цо, Зеламха гонна йуккъехь ву, амма шена йоккха топ а, лелха хIоьънаш а, лаххара а рота салтий а, гIалагIазкхийн сотни а оьшу аьлла.

Каралов дIа а кхачале, и хабар даьржинера гIалахь. Цигара дIа телеграфаца Буру-гIала а, массо газеташка а хаам бинера, цхьанна а мичахь ву а ца хууш, цхьа бутт хьалха къайлаваьлла разбойник Зеламха, ша винчу йуьртана Хорачана кхо чаккхарма уллохь, ломан цхьана хьехахь карийна, пластунийн, гIалагIазкхийн отрядаша иза гонна йуккъе а воьллина, кара ца вагIахь, кIелхьарвала цунна цхьа а тайпа некъ бац бохуш. Ткъа Каралов ша Соьлжа-ГIалахь даьккхинчу сохьтехь турпалхо хилла лелара.

– Зеламха сан кисанахь ву! – галифен кисан тIе куьг деттара цо. – Тахана сарале ас схьавалор ву и разбойник. Куьйгех, когех буржалш тоьхна, дийна йа вийна, цIеша а вуьзна!

Соьлжа-ГIалара дIа Михеевга телеграмма йелира цо, Хорачахь хIоьттина хьал дуьйцуш.

Соьлжа-ГIалахь салтийн рота ца хилира Караловна. ГIизлар-Гребенски гIалагIазкхийн полкан цхьа сотня а, йоккха топ а йелира цунна. Цаьрца делкъал тIаьхьа Хорача кхечира иза. Цуьнца ши фотограф веара, йийсаре лаьцначу йа вийначу Зеламхин суьрташ даха.

Караловна дийна оьшура Зеламха. Цхьайтта шарахь Кавказана кхерам хилла, цхьайтта шарахь дуккха а эскаршка ца лацавелла, Россехь а, дозанал арахьа а гIараваьлла разбойник, когех-куьйгех буржалш а тоьхна, Соьлжа-ГIала а, Буру-гIала а вигна, бахархошна гайта. Цунна уллохь ша а гайта. Ша турпалхо. Столични газеташа шех лаьцна йаздар. Историна йукъаваха. Цундела хьеха тIе йоккха топ йетта йолайале, Зеламхина тIе ши стаг вахийтира Караловс. Хорачан йуьртда а, Асламха а. И шиъ хьехахь дукха ца Iийра. Цаьршиннан кхоьлинчу йаххьашка хьаьжча а, хиира Караловна дийцарш кхиамза чекхдевллий.

– ХIун хили шун гIуллакхах?

Йуьртдас корта ластийра.

– Иза реза вац шуна тIеван…

– ХIун боху цо? – собар кхачийра Караловн.

– Сихха Ведана а гIой, областан начальнике телеграмма ло, боху хьоьга, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина а, набахтехь бахко а нах марша а баьхна, цIа берзо цо дош лахь, тIаккха хир ду хьоьца къамел, боху цо. Нагахь санна тховсалера буьйса йуккъе йахале ахь жоп ца лахь, паччахьан дерриг эскарш схьа а далийна, ахь лаьттахула, стигалхула гo бахь а, ша хьехара дIагIур ву, боху цо.

Караловн собар кхачийра. Иза стаг ца хеташ, жоп дара Зеламхас шоззе а делларг. Амма Караловс хоуьйтур ду цунна ша хьалха кхузахь хиллачу начальникех тера воций. Хьех-м хьовха, и берриг лам, аьтта, лаьттаца дIанисбийр бу цо. Оцу разбойникца цхьаьна.

– Йоккха топ йуза! – мохь туьйхира цо артиллеристашка.

Дуьххьара тоьхнарг хьехан бертигна йуьстах кхийтира. Артиллеристаша йуха ниша нисдира. Амма мел цара ниша хьийзадарх, хIоъ хьеха чу ца кхетара. Хьехан бертиг готта йара. Цул совнаха, бертехула чуваьлча, хьеха чу некъ хьийзаш бара. Бертигехула чукхетта хIоъ, торхах а кхетий, йуханехьа а кхоссалой, оьккхура.

Шина сохьтехь тоьхна бIе сов хIоъ, цхьа тайпа пайда боцуш, эрна байра. Каралов гуттар а оьгIазваханчу, воьхна хьийзачу хенахь полковник Моргания кхечира кхуза. Караловна ца везавелира иза. Ша схьа ма-кхеччинехь, Караловна цхьацца гайтамаш бан вуьйлира Моргания. Каралов шел лахара хеташ. Моргания полковник ву. Зеламха а, цуьнан гIера а хIаллакйар цунна тIедиллина наместника. Шуьйра бакъонаш а йелла. ХIинццалц схьа цкъа а, цхьа а кхиам ца хилла цуьнан. Эшамаш хилла. Керкетехь а, Соьлжехь а. ХIетте а Караловн декхаршна йукъагIерта. Ша чинехь лакхара ву, наместникан векал ву бохург хир ду цуьнан иза. Каралов подполковник бен вац. Цул цхьа тIегIа лахара. Амма, Моргания санна, эла ву иза а. Моргания гIеран элалла маца дуьйна схьа ду, ца хаьа Караловна. Ткъа КараловгIеран элийн тайпанан орамаш бIешерийн кIоргехь ду. Уьш дерриг ца хьехийча а, Каралов Ведана- округан начальник ву. ХIокху округах махка тIехь хуьлучух жоп дала дезаш. Цо шена хьалха гIоьртуьйтур вац цхьа а.

– Эрна ду йоккха топ йеттар! – элира Морганияс. – Иза кхуза схьа хIунда текхийна, ца хаьа суна. Салташка штурм йайта.

– И хIун сонта хабар ду ахь дуьйцург? Киртагийн лами тIехула цхьацца хьала а волуш, штурм муха йо? Шегахь герз ца хилча а, хьала мел ваьллачунна коьртах тIулг бетташ бойур бара цо салтий!

Караловс Ведана пироксилинан шашканаш йан вахийтина ши гIалагIазкхи схьакхечира.

– Царах хIун до ахь? – хаьттира Морганияс.

– ХIун до? Хьеха чу кхуьйсу-кх!

– Берте а вахана, чукхийса воллу хьо?

Караловс жоп ца луш витира Моргания.

Шашканаш лахара хьала кхийсира, амма уьш, хьехан бертигах а йетталуш, лелхара. ТIаккха ломан дукъа тIера шершаш, тIулгаш лоьцуш, кхийзалуш, хьехана герга охьа а веана, шашканаш хьеха чу кхийса гIоьртира ши сапер. Цунах а гIуллакх ца хилира. Царах догдиллинчу Караловс, цуьнгара хуьлуш пайда бацахь а, Зеламхин сагатдар хир ду-кх аьлла, хьеха тIe йоккха топ йетта аьлла, омра дира. Хулхулон тогIи а, гондIара лаьмнаш а декош, маьркIажан бода боллалц йоккха топ йиттира хьеха тIе.

Бода боьлча, салташна садаIа пурба делира Караловс. Уьш шелбеллера. Хьехана гонах а, тогIи чохь а цIерш а латийна, хийцалуш ха а деш, садаIа севцира. Амма Караловн синтем байнера. Даго цхьа вониг хьоьхура цунна. Цо, дозаллаш деш, хабарш ма дийцинера Соьлжа-ГIалахь. Зеламха шен кисанахь ву бохуш. Лаьцначу йа вийначу Зеламхин суьрташ даха фотографш а баьхкина. Нагахь санна Зеламха хьехара дIагIахь, доккха эхь ду Караловна. Бакъду, кхузахь шеца кхоъ полковник хиларо жимма маслаIат до цунна. Къаьсттана Моргания кхузахь хиларо. Коьрта жоьпалла цунна тIехь ма ду. Михеевс, шен векал вина, ваийтинчу…

6

Хулхулон тогIи чохь лелориг дерриг а гора Зеламхина. Йоккхачу тоьпаца гIалагIазкхийн керла бIо схьакхочуш а гира. Царна тIаьххье кхуза кхаьчна полковник Моргания а вевзира. ТIаккха хьеха тIе а йерзош, йоккха топ дIахIоттош а хьийжира. Шен ши йуьртахо хьеха хьалахьажош а гира. Цигахь дуьйцург ца хезара, лелораш гора.

Караловс бахкийтина векалш дIа а хьовсийна, тIулгаш дIа а дохуш, ша даьккхинчу шина корехула дIа тогIи чу хьежа хIоьттира Зеламха. Дуьххьара детта йоккха тоьпан хIоьънаш хьехан бертигна лакха, лаха, шинне aгIop бердех детталуш, йуханехьа кхийсалора. Зеламха ша хIоьттина лаьттачуьра меттах а ца волура. Цунна кхераме йацара йоккха топ. Уьш маситта эзар хилча а. Хьехан хьалхарчу бертигах чоьхьаваьлча, аьтту aгIop масех гIулч йеха, готта сени йара. ТIаккха иза аьтту aгIop чухьаьвзара. Схьатоьхна хIоъ, оцу сени чухула хьийзаш ца беача, хьеха чу кхетийла дацара. Арахьара тIулган пен а бара ши-кхо аьрша стомма. Иза хIоьънашка аталур бу бохург хьехочохь а дацара.

Зеламхас наггахь топ тухура. Дуьхьал ломахь а, тогIи чохь а лаьттачу салташна а, гIалагIазкхашна а. ДIа мел тоьхначо цхьацца воьра йа, лен чов йой, вожавора. Каралов а, Моргания а вуьйр вара цо аьтто нислахьара. Амма и шиъ а, важа ши полковник а хьехана нийсса кIел цхьанхьа туп тоьхна сецнера.

Тахана бовха кхача ца хилла Зеламхина. Ша арахьа тергам бечу меттигехь ирахь а лаьтташ, сискал а, нехча а диира цо делкъехь. ТIаккха, хьехан бертиг дIа а къевлина, ламаз дира. Цхьадика, Iуьйранна эцна ламаз карахь лаьттара цуьнан маьрккIажалц. ТIеетта йоккха топ сецча, оцу баттахь сов хенахь дуьххьара хьеха чохь ламазана цIано а йина, маьркIажан ламаз дира цо. ТIаккха цIе а латийна, кIегий даьхна, самовара чохь хи а кхехкийна, чай даьккхира. Пхьуьйра ламаз а дина, вирд даьккхина, жимма садаIа маьнги тIе дIатевжира. Цунна хаьара буса хьеха чугIерта салтий баьхьар боцийла.

Зеламхас ойла йора шега хIоьттинчу хьолан. Цуьнгахь бIе сов патарма бу. Шиъ бомба а. Маузер а, цуьнан ткъа патарма а. ДIа мел тоьхначу патармо цхьацца салти вийча а, бIе сов салти вуьйр ву цо. Ткъа лаха тогIи чохь а, гонаха лаьмнашкахь а уьш масех бIе ву. Кхин тIебало а бу шортта. ГIалахь а, Чахкарахь а, Ботлихехь а, кхидIа – БуритIахь а. ГIалагIазкхий а бу маситта эзар. Патармаш кхачийча, хIyн дан деза цо? Кхача чекхбаьлча, xIyн дан деза?

ХIинца хIокху хьехара дIаваха некъ лоьхура Зеламхас. Массанхьа а хIоттийна ха ду. Царна ца гуш, дIагIойла дац. Кхузахь майралла а, мекарло а оьшу. Амма сатасале кхузара дIаваха веза, мухха вахана а. ДIаваха веза. Вала ца веза. МостагIийн луур ца даккха. Царна хIуьттаренна. Делан Iожалла тIекхаччалц мостагIех бекхам эца.

Хьехан бертера тIулгаш дIа а даьхна, ара бIаьрг бетташ, сема ладуьйгIира Зеламхас. Гобаьккхина тийналла, дуькъа дохк. И дохк Дала шена гIоьнна даийтина аьлла, дагадеара цунна. Хехь лаьттачу салташа вовшашка туху маьхьарий хезара йукъ-кара. Дикка ойла йинчул тIаьхьа, самовара чохь дисина довха хи дIа а Iанийна, цунна чу дассаделла патармаш а, масех жима тIулг а тесира Зеламхас. Хьехан цхьана маьIIехь тIекIел доьттинчу дечиган генех нийсаниг къастийна, ши аьрша хадийна хьокха а, самовар а шен вертанна йукъа а йоьхкина, верта тIе а хьарчийна, бахтаршца къовлуш, цунах мунда йира цо. Коьртах цIестан йай боьллина, гонаха башлакх хьарчийра. Мунданна тIехула наштаран кад а, чайник а йихкина, хьехан берте а вахана, мунда бердах охьакхоьссира цо. Буьйсанан тийналлехь масех тайпа татанаш деш, ломах чукерчира мунда. И татанаш хезча, тогIи чохь а, шина а ломахь а маьхьарий хьоькхуш, герзаш детташ, хьовр-зIовр хIоттийра салташа.

Хьехара хьала лома тIевалалуш цхьа меттиг бара Зеламхина хууш. Шен са Делан кара а делла, бердах когаш гIертош, тIулгаш лоьцуш, цигахула хьалагIоьртира иза. Лома йуккъе кхочуш иза кхозавеллачу ирачу тIулго куьг хадийра цуьнан. КIадделлачу пхьаьрсашка а, настаршка а садаIийта, лома йуккъе ваьлча, сецира Зеламха. Цхьа Делан къинхетамца, когаш гIорто а, куьйгашца схьалаца тIулг а болуш меттиг нисйеллера цигахь. ТIулго хадийна куьг мерах хьокхучу йовлакхца къевллина дIа а дихкина, цIий сацийра цо. КхидIа хьала берд легIана бара. Лакха тIехь салтий буйла хууш, тIулгаш карчийна гIовгIа йаккхарна кхоьруш, чIогIа ларлуш, лома хьалавелира иза.

Ломан дукъа тIехь а дохк дара, пхи-йалх гIулч генара хIума а ца гуш. Болх Далла тIе а биллина, йуьйлина топ хьалха а лаьцна, дахкарлахула дIаволавелча, иттех гIулч гена валале шина салтичунна тIеIоттавелира иза. Тоьпаш торхаца хьала а хIиттийна, торхах баккъаш тоьхна, голаш тIе лахвелла, набаран тар туьйсуш хиъна Iapa и шиъ. Цкъа ойла хилира Зеламхин, топ тоьхна, и шиъ вен. ТIаккха кхуза орца хьодур дара. Цаьршинна тIе топ а лаьцна, ондда гIулч йоккхуш тIевахара Зеламха. Ши салти, Iадийна, къаьрззина цуьнга а хьоьжуш, куьйгаш хьала а лаьцна, лай тIе охьахиира. И шиъ кхераме воцийла хиъна, цаьршиннан тоьпаш схьа а эцна, чаппагIаш схьа а йаьхна, цхьацца aгIop бердах чукхийсира цо. ТIаккха, гIoвгIa ма йаккха аьлла, куьйган ишарца кхерам а тесна, дахкарлахула къайлавелира Зеламха…

7

Зеламха шен кисанахь ву, ша иза, когех-куьйгех буржалш тоьхна, дийна йа вийна, цIийша а вуьзна, сарале Соьлжа-ГIала дIавалор ву бохуш, Караловс стомара гIaлахь дина дозаллаш сихха даьржира Веданахь а, гондIарчу йарташкахь а. Зеламхех дог лозуш, гондIарчу йарташкара дуккха а нах гулбелира кхуза шолгIачу дийнахь Iуьйранна а, тахана а. Уьш Хулхулон тогIи чохь а, лаьмнийн басешца а кегий тобанаш йина лаьттара. Салташа дIачехабарх а, дIа ца бовлура цигара.

Сийсара дуькъа дохк хIоьттинера тогIи чу а, лаьмнашца а, масех гIулч дехьара хIума а ца гуш. Иза дIадаллалц хьеха тIе йоккха топ йеттар сацийнера Караловс. Iуьйранна исс сахьт долуш, дохк дIа а даьлла, малх кхетта, серладевлира лаьмнаш. Хьеха чохь тийналла лаьттара. Караловн омрица хьехан бертиг тIе мосазза а тоьпаш туьйхира салташа. Амма цигара схьа топ ца йолура.

– Хьехахь Зеламха вац, моьтту суна, – элира Караловна тIевеъначу прапорщика Гамиевс. – Ша цу чохь хилча, дуьхьал топ ца кхуссуш Iийр вацара иза.

Цунах шек Каралов ша а вара, делахь а теша ца лаьара.

– Цигара ваьлла, мича гIур вара иза? Цхьана мекарлонна дIатийна хир ву, – кхоьлина жоп делира цо.

– Ахь пурба делча, хьеха чу хьажа гIур вара со.

– ХIун дуьйцу ахь? Цо, топ тоьхна, къиг санна, вожор вара хьо!

– ХIетте а, пурба лохьа суна.

Гамиевна пурба ца делира Караловс. ТогIи чохь лаьттачу нохчех цхьаъ шена тIе а кхайкхина, иза хьажийра цо хьеха чу. Киртигашна тIехула халла хьалаваьлла нохчо, пхеа минотехь гергга цу чохь а лаьттина, хьехан бертехь гучувелира.

– Кху чохь цхьа а вац! – лакхара охьа мохь туьйхира цо.

Массо а цецваьлла, Iадийча санна, лаьттара.

 

Караловна дагаеара хьеха кIел тогIи чохь сийсара салташна карийна мунда. Салтий кхеро Зеламхас йина забар хир йу иза аьлла, хIетахь ойла ца йира Караловс. ХIинца цуьнан коьртехь масех тайпа ойла гIеттира. Цхьа мекарло а йина, дIавахана-те иза? Муха? Мичахула? Хьан гIо дина? Салташна, гIалагIазкхашна йукъахь йамартхо хуьлийла а дац. ДегIастанхойн дошлошна йукъахь? Хуьлийла а дац. Зеламха церан мостагI ву…

Каралов и ойланаш йеш лаьтташ, ткъех нохчо, бердах хьала а ваьлла, хьеха чу вахара. Царна тIаьхьа, зингатий санна, хьалагIертара кхин а. Эххар а саметта веана Каралов, шеца Моргания, Мокрицкий, Масленников, гIалагIазкхийн есаул волуш, хьеха хьалавелира. ХIорш чубаьхкича, цхьа масех стаг воцург, важа нохчий арабевлира. Хьеха чохь баьсса маьнга а, очакх а, цунна кIел йовха йукъ а, цхьана сонехь масех пхьегIа а йара. Зеламха вацара. ОьгIазвахана, синкхетамах ваьлла лаьттара Каралов. Коьртехь кхин ойланаш хьийзара. Стомара Соьлжа-ГIалахь ша дина дозаллаш. Михеевга йелла телеграмма. Кхуза баьхкина фотографаш. Стомара гIалахь цуьнан багара даьлла массо а дош газеташа зорба тоьхна хир ду. Ткъа Зеламха вахана. ХIинца Каралов муха хIотта веза Михеевна хьалха?

– Муха вахана-те иза хIокху чуьра дIa? – элира Мокрицкийс, ойлане ваьлла.

– Хьанна хаьа. Сийсара дохк ма дара, бIаьрга Iоьттина пIелг гур боцуш. Цунах пайда а эцна, къайлаваьлла хир ву.

– Со цхьана хIуманах шек ву, – элира Морганияс. – Кхуза гулбеллачу нохчаша кIелхьарваьккхиний-те иза? Со реза вацара селхана а, тахана а уьш кхуза гулбаларна.

– Иза аьттехьа а дац! Вайн бIаьргашна хьалха цара кIелхьара муха воккху иза?

– Атта. Ахь и нохчо хьеха чу ваийтича, Зеламха кху чохь хилла хир ву. Зеламха хьехахь вац аьлла, цо мохь тоьхча, ткъех стаг хьеха чу хьалавелира. Вай чудаьхкича, царах дукхахберш арабевлира. Царна йукъа а кхетта, дIавахана хир ву Зеламха. Ткъа вайна цхьанна а иза йуьхь-дуьхьал ца вевза. Хьеха чу баьхкинарш а, арабевлларш а багарбан дагадеана хиллехьара, тIаккха хуур дара цаьрца Зеламха араваьлла йа ца ваьлла. Со тешна ву, Зеламха кIелхьарваккха Iалашо йолуш, схьа а гулбелла, цара и спектакль хIоттийна хиларх!

– Ахь дуьйцург гуттар а беламе ду, полковник! – ца вешира Каралов. – Нохчашна хуийла а ма дацара ас хьеха чу и стаг вохуьйтур вуйла! Суна сайна а цIеххьана дагадеара иза.

– ХIетте а, ас цхьа хьехар ло хьуна, – ца къарлора Моргания. – Айхьа хьеха чу хьажийна стаг а, тIаьхьа кху чу баьхкина нохчий а сихха дIалеца.

– Уьш хьанна карабо хIинца?

– Царах масех стаг хIинца а кху чохь ву. Уьш дIалеца, тIаккха цара буьйцур бу шайца хилларш.

Каралов Масленниковга хьаьжира.

– Морганияс ма-дийццара, хила а тарло Зеламхин кIелхьарвалар, – элира Масленниковс. – Амма и верси талла бехкенаш а, тешаш а каро беза. Цундела эрна хир дац кху чохь лаьтта масех нохчо дIалацар.

Хьеха чохь лаьтта масех нохчо дIалаца аьлла, есауле омра дира Караловс.

ХIорш хьехара охьабиссича, Караловна тIевеара эскаран старшина Яковлев.

– Хьехана тIехула бердах цIийн лараш карийна. Амма иза хьенан цIий ду, ца хаьа.

Караловс тергал ца беш битира и хаам. ХIун пайда хуьлу, баккъал а Зеламхин цIийн тIадамаш карийча а? Иза, карара а ваьлла, дIавахана хилча? ТIаккха цо ойла йира оцу цIийн лоран. Хьехара охьа тогIи чу мунда а кхоьссина, ломах хьала а ваьлла, дIаваханчух тера ду иза. Цхьанхьа ирачу тIулго куьг хадийна хир ду цуьнан. Сийсара дуькъа дохк ма дара. Дала аьтто бина цуьнан кIелхьарвала…

Каралов кхийринарг дира областан газеташа. Цара хаамаш баржийра, шайн коьртехь Ведана-округан начальник подполковник Каралов а, полковникаш Моргания, Масленников, Мокрицкий, поручик Кибиров а болуш, масех бIе пластунаша а, гIалагIазкхаша а гo бинера Зеламха чохь волчу хьехана. Кхаа дийнахь-буса гонна йуккъехь латтийна обарг, ши салти а, ши гIалагIазкхи а, цхьа стражник а вийна, ворхIанна чевнаш а йина, къайлаваьлла, ткъа Каралов а, Моргания а кхиамза иза лоьхуш ву бохуш.

Караловс шен дагахь дуйнаца чIагIо йира тахана шена йуьхьIаьржо йина Зеламха хIаллакван йа ша хIаллакьхила…

***

ЦУЬНАН ИМПЕРАТОРСКИ ВОККХАЛЛИН

КАВКАЗЕХЬ НАМЕСТНИКАН ГIОЬНЧЕ

1911 шеран 12 декабрь

№ 125551

Ведана-слобода

Хьан Локхалле хоуьйту ас: хIокху шеран 8-чу декабрехь, суьйранна исс сахьт даьлча, сан агента хаийтира соьга, разбойник Гушмазукаев Зеламха Хорачана кхо чаккхарма генахь ламанан цхьана хьехахь буьйсанаш йохуш ву аьлла.

Нохчийчохь вай мел къайлах вовшахтоьхна гIуллакх а Зеламхин дуккха а барамехьчу агенташкахула сихонца цуьнга дIакхочу. Цундела йоккхачу къайленца сиха отряд а кечйина, буьйсанна ши сахьт долуш, Веданара дIа Хорача вахара со.

Буса хьехана луьстта гуo а бина, цхьана къайленгахула араваьлла Зеламха кIелхьарвалахь а аьлла, коьртехь подъесаул Варламов, подпоручик Лопатчиков волуш, лаамхойх отряд йахийтира ас разведке.

Суьйранна герзаш деттар лагIделира, буьйсанна шийтта сахьт даьлча дIатийра. Хьехара схьа йукъ-кара топ тухура Зеламхас. ШолгIачу дийнахь, Iуьйранна йалх сахьт даьлча, йуха а дIадолийра хьеха тIе герз деттар. КхоалгIачу дийнахь Iуьйранна хьехара схьа герз ца тухура. Прапорщика Гамиевс, Зеламха хьехахь вац, моьтту шена, элира соьга, цу чу хьажа шена пурба а дийхира цо. Хьеха хьалаваьллачу Гамиевна чохь Зеламха ца карийра…

…ХIара дерзош, хьан Локхалле сайна хетарг алар сайн декхар хета суна. Нохчийн халкъо, къаьсттана хорачоша, правительство эхь ца хеташ сийсазйаран а, хьийзоран а йист йаккха йеза. Кхойтта шарахь даош-малош, шайн хIусамашкахь цунна туш луш, иза Iедалан таIзарх ларво цара. Зеламха къайлаваьлла Iийна хьех Хорачана кхо чаккхарма уллохь йу. Ткъа оцу хьехана 600 гIулч гергахь йу хорачойн гIотанаш. Хорачошна дика хаьара и разбойник цигахь вуйла. Хаарал совнаха, хIора сохьтехь хаддаза цуьнца уьйр латтайора цара. Нохчийн интеллигенцин политиканашна а, шайхашна а разбойник ца хета Зеламха, ткъа правительствона дуьхьал, Нохчийчохь оьрсийн Iедал чIагIдаларна дуьхьал къийсам латто шайн карахь ира герз, халкъан майра, турпала, гIараваьлла имам лору цара иза. Цундела Зеламха Iедале схьавала цхьа кIира хан йала йеза хорачошна. Нагахь санна и хан чекхйалале цара Зеламха Iедале схьа ца лахь, Цуьнан Воккхаллин императорна, государана уьш дуьхьал хиларе терра, Хорача йохийна, иза хилла меттиг лаьттаца дIашарйан йеза аьлла, хета суна.

Ведана округан начальник

подполковник Каралов

ХХIV корта. Сийначу Сибрехь

Цу Делан мостагIаша

Даймахках къастийна,

Мацалло, шелоно,

Балано гIелдина,

Дела ша воцуриг

Кхин накъост ва воцуш,

БIарзделла лела тхо

Сийначу Сибрехь…

Халкъан илли

1

Баккхий бохамаш ца хуьлуш, кегийнаш собаре ловш, цхьанаэшшара дIадоьдура Гати-Юьртахь дахар. ГIалгIайн махкахь санна, луьра таIзарш ца дахь а, нах лоьцуш, йарташкахула кхерстара таIзархойн отрядаш. Цунна дуккха а бахьанаш карадора Iедална. Къаьсттана сагатдора Зеламхин тобанера обаргаш а, гIарабевлла къуй а, талорхой а схьабевллачу йартийн. ШолгIа, пачхьалкхан налогашна а, кхечу такхамашна а декхаре йолчу йартийн. Нохчмехкан йерриг йарташка кхаьчнера, Нелхе, Коке, ЦIорхе йохош, цигара бахархой Сибрех бахийтина боху хабар.

Кхо шо хьалха Зеламхас Ведана округан начальник, полковник Галаев вийча, кхузарчу йарташкара 16426 сом ахча даьккхира Зеламха а, цуьнан герггара гIоьнчий а, дийна йа байъина, Iедална тIебалийначарна дала. Ткъа хIокху шарахь бIе эзар сом даьккхира Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а латто эскарш кхаба. Цул совнаха, пачхьалкхан декхарш дIа ца текхначу, йа Iедална муьтIахь йоцчу, йа кхечу гIуллакхашца Iедална хьалха бехке хиллачу йарташка эскарш хIиттадора. Йарташа уьш кхаба дезара, царна хIусамаш а, кхача а, ткъа церан говрашна докъар а, хIоъ а латтош. TIe, уьш дIасакхалхош, царна ворданаш латто а йезара. И дерриг а маьхза, цхьа а тайпа баркалла а, пусар а доцуш.

СаьIадан а, Iабдин а, йуьртарчу кхечу хьолахойн а гIоьнца пачхьалкхан декхарех цIанбеллера гатийуьртахой. Амма Зеламхин тобанехь волу Доша а, Хьомсуркъа а йуьртахошка схьавоьхура Iедало. И шиъ схьа ца лахь, церан гергарчеран цIенош даго а, уьш доьзалшца цхьаьна Сибрех бахийта а кхерам туьйсура. Иза кхочушдан а, йуьртана таIзарна а шина баттахь гергга дошлойн эскадрон латтийра кхузахь.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37 
Рейтинг@Mail.ru