bannerbannerbanner
полная версияДарц

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Дарц

Полная версия

Амма Зеламхас шолгIа даийтинчу кехато синтем байъинера Михеевн. Цуьнан йoI маре йахана нуц, француз Шарль Акс, некъийн коьрта инженер вара. Цуьнан дIасалелар дукха хуьлура. Къаьсттана дукха ХIирийчу а, ГIалгIайчу а, ГIебарта а лелаш. Наггахь Нохчийчу а воьдура. Зудчуьнца театре, концерташка, гIалел ара Iаламе садаIа а воьдура. И дерриг а дика хаьара Зеламхина.

Масех де хьалха Зеламхера доцца йаздина кехат кхаьчнера Михеевга:

«Хьомсара государь, Теркан областан начальник. ХIaра кехат йаздийриг хьуна вевзаш волу, масех шарахь Кавказ кхерамна кIел латто стаг ву. Паччахьо тешам а белла, кхузахь хьаькамаш хIиттийнчу наха, уггар хьалха ахь, законаш талхадо. Харц, йамарт, хьарам некъашца шайна хьал-бахам гулбо аш, ткъа мискачу халкъан ойла ца йо цхьаммо а. Со маьрша дуьнен чу ваьллера, суна маьрша, машаре ваха лиънера, амма шун а, Iедалан а харцонаша, йамартлонаша, къизалло обарг вина сох. Цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцу сан доьзал йийсаре а бигна, набахти чу кхоьссина, цигахь бIарзбина хьийзабо ахь. Нагахь санна и къизалла ахь ца сацайахь, сан доьзал марша ца баккхахь, ас йийсаре вуьгур ву хьо а, хьан йоI боху кхахьпа а, хьан нуц Шарль Акс а».

И кехат дешча, цкъа бIаьргаш чу бода хIоьттира Михеевна, тIаккха букъаца шело хьаьдира. Вехха Iийра иза, саметта ца вогIуш. Селхана суьдо къайлах кхел йинера Зеламхин доьзал пхеа шарна Сибрех ссылке бахийта. Цхьадика, Зеламхина ца хаьа иза… «Зеламхина хаале хIокху махкара дIабаккха беза цуьнан доьзал, – ойла йора Михеевс. – Амма иза сихха кхочушдалур дац. Цунна дуккха а хан йеза. ХIетталц цуьнан Iep-дахар дикачу aгIop хийца дезар ду…».

Зеламхин кехат стоьлан гIутакх чу а тесна, шен гIоьнча инарла Степанов чукхайкхира Михеевс.

– Зеламхин доьзалан Iер-дахар муха ду набахтехь? – хаьттира цо, Степанов охьа а хиъна, дIатарвелча.

– Массо а тутмакхийн санна.

– Хьоьга цхьа дехар ду сан, Николай Иванович. Хан дIа а ца тоьттуш, набахте а гIой, оцу доьзалан Iep-дахар муха ду а таллий, цунна хIун оьшу хьажахьа. Нагахь санна зударша шайна xIapa-важа оьшу бахахь, царна оьшург латтор набахтин начальникана тIедиллахьа. ТIаккха и доьзал ма-хуьллу сиха кхузара дIабаккха гIaйгIa бехьа.

– Дика ду, Николай Андреич.

Степанов араваьлча, чувеанчу дежурни эпсаро, ша тIеэцаре хьоьжуш сени чохь лаьтташ наместникан векал Казаналипов ву, элира.

Казаналипов Асельдербек гIумки вара, Темирхан-Шурара. ДегIастанахь гIараваьлла хьолахо а, помещик а вара иза. Цхьана хенахь паччахьан гонехь штальмейстер хиллера, хIинца Кавказан наместникан шатайпа жоьпаллин гIуллакхаш тIедохкуш чиновник а вара. XIoкху тIаьххьарчу хенахь наместнико хIинца кхозлагIа ваийтинера иза кхуза, областехь хIоьттина чолхе хьал талла а, довза а, иза цхьана aгIop листа Михеевна гIo дан а.

Казаналиповн йаккхий уьйраш йара Къилбседа Кавказерчу къаьмнашна йукъахь, йа нийсса аьлча, церан хьолахошца. Цкъа наместнике къайлах мотт беанера, Казаналипов паччахьна а, правительствона а тешаме вац, цо ши политика лелайо аьлла. Даррехь – Iедалца, къайллах – туркошца. Вуьшта аьлча, цхьана aгIop, ша оьрсийн Iедалан лакхара чиновник хиларе терра, Кавказехь российски политика дIахьо цо, вукху aгIop – ДегIаста Россих дIа а къастийна, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла, иза ца нислахь, ДегIаста Хонкаран протектората кIел йаккха Iалашо йу цуьнан бохуш. Уьш цхьадерш бух болуш хилар гучудаьллачу наместника, цуьнца шеца къамел а дина, «бурч йоьхкинера» цунна. Цул тIаьхьа ца хезара Казаналиповс и тайпа крамольни къамел дина бохуш. Йа кхеравелла сецнера иза, йа чIогIа ларлуш вара.

Стомма, лохачу дегIара, горга йуьхь, цIен бос бетталуш, кхалкъе беснеш, шуьйра мара, йоцца лергина сирйала йоьлла Iаьржа маж, хаза тодина дуткъа мекхаш долуш, шовзткъе итт шо хенара стаг вара иза.

Кавказхойн гIиллакхехь вовшийн а, доьзалийн а хьал-де а хаьттина, официале къамелана тIевелира и шиъ.

– Тифлисехь керла хIун ду, Асельдербек Казаналипович?

– XIapa ду ала, керла хIумма а дац, Николай Андреич. Демократин шовкъ хилла, хьерадевлла адамаш. Большевикийн ун даьржина массанхьа а. Къаьмнашка, цхьа вежарий хилий, бертахь Iедална дуьхьал гIовтта, боху. Хьуна дика ма йевза церан лозунгаш. Утописташ! Къаьмнийн барт хир ма бац цкъа а. Масала, азербайджанаш а, эрмалой а. Царна йуккъехь бIешерийн кIоргера схьадогIуш мостагIалла ду. Петарбухехь а, Тифлисехь а цхьа нах бу и мостагIалла марсадохуш. Хетарехь, оцу шина халкъо кестта вовшийн цIий Iано герга ду.

– Дала ма хуьлуьйтийла иза. Вуьшта а аттачу хьолехь дац вай Кавказехь. Тхуна маслаIате хIумма а деаний ахь?

– Хаац, ас деанарг хьуна муха хетар ду. Теркан областехь хIоьттинчу хьолан хьокъехь наместник дагавелира сох. Хьуна гIоьнна кхуза кхин а цхьа полк хьажийча, муха хир дара-те аьлла. Со реза ца хилира. Масех дивизи кхуза йалийча а, Зеламха лацалур вац аьлла. Иза волу меттиг ца хаьа цхьанна а. Ткъа иза массанхьа а ву. Халкъана йукъахь. Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, ДегIастанахь, ХIирийчохь, Хевсуретехь. Оцу халкъаша ларво иза. Цара цкъа а Iедале схьалур вац Зеламха. Иза бахьана долуш шайна мел дукха бохамаш хилча а. Тхуна, кавказхошна, дика йевза тхайн амалш.

– ХIета, оха хIун дича бакъахьа хета шуна, хIун некъ гойту аш?

– И халкъаш Зеламхина дуьхьалдаха деза.

– Иза дан а гIиртина тхо. Цхьа а тайпа кхиам ца хилла.

– Шуна ца хиъна кхиамаш хилийта. Оцу къаьмнийн гIиллакхаш а, амалш а шайна цайовзарна. Зеламхин дукхахболу накъостий, нах а байъина, тIехь мостагIаллаш долуш бу. Уггар хьалха церан мостагIашца болх бан беза. ЧIирхошна герз а, ахча а луш. ШолгIа, Зеламха лаьцна йа вийна новкъара ваьккхинчунна ца кхоош ахча кхайкхаде. Цунна харжаш йан ахча лур ду шуна. Амма дукхахдерг бахархошкара даккха. Уьш Зеламхина дуьхьал карзахбаха. КхоалгIа, Зеламхин ницкъ цуьнан накъостий бу. Накъостех дIахаьдча, гIорасиз хир ву иза. Уьш цхьана меттиге а гулбелла, лецалур а, байалур а бац вайга. Уьш, цхьацца вуьйш, байъина дIабаха беза. ТIаккха атта хир ду Зеламха лаца йа вен. ДоьалгIа, цхьана aгIор нохчийн халкъ дуьхьалдаккха деза Зеламхина. Вукху aгIop – лулара халкъаш Зеламхина а, нохчашна а дуьхьалдаха деза. Вуьшта аьлча, нохчашна а, луларчу халкъашна а йуккъехь мостагIалла кхолла деза.

– Ахь дийцинарш дерриш а дан гIиртина тхо, Асельдербек Казаналипович. Амма оха хьегна къа кхиамза дисина.

– Цхьаццанхьа гIалаташ дийлийтина хир ду аш. Йа цхьацца мехала гIуллакхаш тидамза дитина хир ду. Дика oйлa а йина, уьш тидаме а эцна, болх йухаболийча, бакъахьа хета тхуна. Вербицкийн долор а эхье чекхдаьлла. Андронников вийна. Донагулов, ша вийна велара аьлла хетачу хьолехь заьIап вина, дийна витина. Iассан тIай тIехь Зеламхас байъинчу суьйлийн гергарчара чIир кхайкхийна цуьнга. Уьш баккхийбеш богIур бу Зеламха вен йа лаца. Донагуловн вашас дуйнаца чIaгIo йина Зеламхех бекхам эца. Суьйлий иракарахIиттош, царна йуккъехь мекара болх бан беза. И болх дика бийр бу Ведана- округан начальникан декхарш ханна кхочушдечу поручика Кибировс. Амма тхан коьрта дегайовхо Дагестански полкан начальникна полковникна Морганияна а, оцу полкерчу ротмистрана Долидзена а тIехь йу. Кибиров хIири ву, Моргания – абхаз, Долидзе – гуьржи. Цул совнаха, Зеламхица дерг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха лерина дегIастанхойх отряд кхуллур йу. XIapa ас дийцинарг дерриг а наместникера ду. Моргания а, Долидзе а хьан куьйга кIел луш омра а ду. Ткъа Кибиров хьан карахь волуш ву.

– Баркалла, Асельдербек Казаналипович. Моргания, Долидзе маца вогIу схьа?

– Полк шен гIоьнче дIалуш ву иза. Кхана-лама схьавогIур ву.

Казаналипов дIавахча, букъа тIера беза мохь дIабаьлча санна, маслаIат хилла, сапаргIатвелира Михеев.

2

Абхазийн уггар хьолечу элех цхьаъ вара Моргания. Масех бIе десятина латта, шайн махкахь уггар тоьлла цIенош, дуккха а даьхни, жа, говраш йара цуьнан. Бакъду, крепостни ахархой бацара цуьнан долахь. ДIадаханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерашкахь Россин имперехь крепостни ахархой маршабохуш, Абхазехь а йира и реформа. Амма и реформа, имперехь массанхьа санна, моттаргIина кхочушйира Абхазехь а. Крепостни Iазапах маршабаьхначу ахархошна латта ца делира, иза помещикийн а, пачхьалкхан а долахь дисира. Хьалхалерчу шайн долахошна йолах болх бан дийзира ахархойн. МорганиягIарна маьхза бохург санна, Бецира абхазойн къехой.

1905-чу шарахь буржуазни революци хилале хьалха поручик вара Моргания. Кавказехь революци хьошуш, гоьваьлла иза хIокху масех шарахь полковникан чине лакхаваьккхира. Цо жигара дакъалецира Тифлисехь, Кутаисехь, Батумехь, Чиатурехь революцин а, Гурияхь ахархойн гIаттам а хьошуш. ХIокху тIаьхьарчу шарахь Дагестански полкан командир вара иза.

Ламанхо хиларе терра, цунна дика девзара кхузара халкъаш а, церан гIиллакхаш а, амалш а. Коьртехь хьекъал а, Iилма а хилла ца йинера цо йоццачу хенахь карьера. Оцу шиннан меттана тIех къизалла а, мекарло а йара цуьнгахь. Тешнабехк, йамартло цIийца, тIамарца йара цуьнан, эхь а, йахь а, оьздангалла а бохурш цунна хIун йу а ца хаьара.

Ши бутт сов хан йара иза Нохчийчу ваьккхина, шатайпа леринчу таIзаран отрядан начальник хIоттийна. Округийн начальникаша цуьнга йеллера йарташкарчу шайн айкхийн цIерш. Амма Морганияна царах тоам ца хилира. Оцу йоццачу хенахь цо къайлах уьйраш тесира нохчийн къомах йевллачу йовсаршца. Цаьрца бийца йукъара мотт а карийра цунна. Кхеро, эца, хьаста, човхо.

НеIарх пIелг тоьхна, чуван пурба а дехна, цуьнан кабинета чувеара айкх. Лохо дегI, горга йуьхь, дуккха а хенахь дуьйна дашаза маж-мекх, шуьйра мераIуьргаш, готта хьаж, пхьидачух тера схьагIоьртина сийна бIаьргаш, деха пхьаьрсаш, оцу дегIаца ца йогIуш йоций настарш йолуш, шовзткъа шо хенара стаг вара иза.

– Де дика хуьлда хьан, полковник! – маршалла хаьттира цо, неIарехь а сецна.

– Марша вогIийла хьо, Юша.

Шега полковнико куьг кховдоре дог даьхна, ши гIулч йаьккхина, стоьла улло гIоьртира иза, амма вукхо тергал а ца вира. Атталла, даьсса лаьттачу гIанта охьахаа а ца элира.

– Муха ду гIуллакхаш, полковник? Доьзалера хабар дуй? Могаш буй иза? Хьан могашалла а муха йу?

 

– Дерриг а дика ду. Хьо лаа веаний?

– Зеламхин уггар гергарчарех цхьана накъостана Аюбана тховса ас тIедигча, суна мел ахча ло ахь, полковник?

– Цхьа кепек а ца ло.

– ХIунда?

– Суна Аюб ца оьшу. Зеламха оьшу. Цунна тIе ахь дигахь, берхIитта эзар сом лур ду хьуна.

– Зеламха волу меттиг ца хаьа суна. Тховса Аюб мичахь хир ву, хаьа.

– ХIета вайшиннан къамел чекхдаьлла.

– БIе сом ло суна, полковник. Тховса Аюб шун карахь хир ву.

– Мичахь ву иза?

– Цкъа хьалха ахча! – куьг хьалха а кховдийна, нана пIелг а, йуккъера пIелг а вовшахъхьакхийра айкхо.

– Дика ду, Юша. Амма ахь со Iехавахь, ас дийна воллуш тIера цIока йоккхур йу хьан.

– Ас цкъа а Iехийний хьо, полковник? Сан дош мокхазал чIогIа ду.

Морганияс, кителан некха тIерачу кисанара схьа а даьккхина, бIе сом стоьла тIе кхоьссира. ЮшаIа, схьа а эцна, лерина дагардина, шалха а тоьхна, хечин кисана таIийра иза.

– Кхана гIурбан беттан хьалхара де ду…

– Хаьа суна. Бусалбанаша даьхни дойуш, caгIa а луш, даздо и денош.

– Аюбан да кхана гIурбанна старна урс хьокхуш ву. Аюб цIа кхайкхина цо. Тховса шен доьзалца буьйса йоккхур йу цо.

– Церан цIенош мичахь ду АтагIахь?

– Эвла йисттехь.

– ХIета, хьо дIаван веза тхоьца. Буьйсанна шийтта сахьт долуш кхузахь хила.

– Дика ду. Амма ас хьалххе дIахоуьйту, шуна церан цIенош а гайтина, со цигара дIавер ву.

Ураме ваьлча, хечин кисана куьг а дахийтина, ахчанан кехаташ пIелгашца хьакхийра ЮшaIa.

3

Йочане, цIемза, шийла дара 1910 шеран февралан тIаьххьара денош. Цкъацкъа тIуьна ло дуьллура, тIаккха шийла догIа доьлхура. Йа ший а цхьаьнаийна. ТIаккха цхьацца деношкахь дуькъа дохк хIуттура, иттех гIулч генара хIумма а ца гуш.

ХIетте а, цхьаццанхьа хьаннийн йистошца лаьттах хьалакъедда сийна буц гора. Цхьацца дитташа а сенарш даьхна, патарш тийсинера.

Оцу йоьхначу буса, буькъа хатт а, нитIa а кегош, винчу йуьрта Йоккхачу АтагIа вогIура Аюб. Кхана гIурбанан беттан хьалхара де ду. Цуьнан дас ТIамас хьалхарчу дийнахь даим а бежана дуьй гIурбанна. ХIинца а цунна барстийна сту бу цуьнан. ГIурбанан беттан хьалхарчу дийнахь даим а Аюб цIахь хила лаьа цунна. Селхана Аюбе хабар тоьхна цо, нагахь санна аьтто нислахь, цIа вола аьлла.

Ломара охьа Дуби-Эвла кхаччалц говрахь веара иза. TIаккxa маьркIажал тIаьхьа, цигахь доттагI волчохь говр а йитина, гIаш некъ беш вогIура. Говрахь стаг билгал ма хуьлу новкъахь дуьхьалнисвеллачунна. Сих-сиха соьцуш, эткех летта буькъа хатт охьабожабора цо карарчу гIожах хьокхий. Буьйса шийла йелахь а, букъа тIера коч йашош хьацар даьллера. Коча тийсина а, йукъах дихкина а герзаш дазделлера цунна. Йоккхачу АтагIара чиркхийн серлонаш гучуйевлча, некъа йистехь Iуьллучу боккхачу тIулга тIе охьа а хиъна, настаршка садаIийтира цо. Цхьадика, церан цIенош йуьртан сехьа йистехь дара, царал схьанехьа масех цIа бен доцуш. Боккхачу урамехула цIа ваха а кхоьрура иза. Лулахойн бошмашкахула ваха дезара.

Доккха бахьана дара Аюбан ларваларан. Нийсса кхо бутт хьалха йамартлонца кхузахь вийнера цуьнан йуьртахо, доттагI, обарг Хасун Абубакар.

И шиъ, вовшех ца къаьсташ, ши доттагI вара бераллехь дуьйна. Шаьшшиннах обарг хир ву бохург цкъа а дага а ца догIура. Нийсархошца Органан тогIи чохь, хьаннашкахь ловзуш дIайоьдура бералла. Аьхка луьйчуш, чIерий лоьцуш. Хьаннашкахула кхерсташ. Йуьртарчу хьуьжарехь доьшуш а. Iаьрбан йоза-дешарца цхьаьна оьрсийн йоза-дешар а Iамийра Аюба. Цуьнан шийтта шо кхаьчча, дас ТIамас Соьлжа-ГIала оьрсийн ишколе деша дIавелира иза. Цигахь дикка кхиамаш а хилира цуьнан. Амма кхо шо даьлча, ишкол йита дийзира. Доьзалан аьтто бацара кхидIа дешийта. Амма Аюба ламанхойх дог лозучу оьрсийн йаздархойн Пушкинан, Лермонтовн, Толстойн книгаш йоьшура. Цаьрца цхьаьна цо йоьшура нохчий сийсазбеш, уьш бандиташ, разбойникаш, адамашдайархой, акха адамаш ду бохуш, кхечу оьрсаша йазйинарш а. Цкъа Абрамов Яковн «Кавказан ламанхой» цIе йолу жима книжка карайеара цунна. Абрамовс ма-дарра гайтинера паччахьан Iедало ламанхошна, къаьсттана нохчашна, тIехь латто харцонаш. Къоначу Аюбан даг чохь, цкъа а машар хир боцуш, цабезам а, мостагIалла а гIеттира паччахьан Iедале. Къоначу Аюбана ца хаьара и шен дог-ойла къайлайаккха. Цо кхайкхайора иза халкъа йукъахь. Йуьртдега, пурстопе дуьххьал дIаолура ша резавоцург. Аюб, лаьцна, набахти кхоьссира. Цигара дIа Сибрех ссылке вахийтира пхеа шарна. Иза, ведда, цIа веара. Амма шен хьалхалера ойланаш хийцаелла ца веара. Мелхо а, уьш чIагIйира набахтехь а, ссылкехь а цуьнца нисбеллачу политически тутмакхаша. Аюб, шозлагIа а, лаьцна, ссылке вахийтира. ХIинца итт шарна. Амма иза шозлагIа а ведира. Iедал йуха а цунна тIаьхьаделира. Аюбана кхин некъ ца бисинера, цхьаъ боцург. Обаргалла.

Аюб ссылкера шозлагIа, ведда, цIа веача, Абубакар Зеламхица вара. Накъосташца гIалагIазкхийн станице къолах вахча хиллачу кхийсаршкахь хIокхара масех гIалагIазкхи вийнера, ткъа Абубакарна чов хиллера. Иза хиънера пурстопана. Ша лаца хьовзийча, Зеламхех дIакхийтира Абубакар. ШозлагIа ведда, ссылкера цIа веача, Абубакарца вахана Зеламхех дIакхийтира Аюб а.

Цкъа а вовшах ца къаьсташ, исс шарахь обарг лийлира и шиъ. Уггар кхерамечу операцешка а цхьаьна воьдура. Кхераме киртиг тIехIоьттича, Iожалла тIегIоьртича, вовшийн ларвора. ТIаьххьара сискалан йуьхк, йоькъий, йуура, духар а, герз а йукъара дара цушиннан. Амалш а цхьатера йара. Мел кхерамечу хьоле нисвелча а, Iожаллина хьалха хIоьттича а, вовшашца забарш ца йуьтура. Ший а дегабааме вацара, дог-цIена, оьзда, майра, самукъане вара. Къоначу хенахь цхьаьний синкъерамашка а лийлира. И шиъ тIехьийзина, цаьршиммо йалийна ши йоI а ши доттагI йара. Аюбал цхьа шо воккха вара Абубакар. Вовшашца барт а бина, Абубакарна хьалха йалийра зуда. Цуьнан ловзар дIадирзинчул тIаьхьа цхьа бутт баьлча, Аюбана йалийра. Шиннан а шишша бер а дара церан – цхьацца йоI а, цхьацца кIант а. Къена дай-наной а бара, амма шиннан а вежарий бацара. Цундела вовшех ваша а тарвина, хан йаьккхира цаьршимма.

ХIинца тIетовжа верас воцуш, гIийла дисина Абубакаран къена да-нана. Жимачу шина бераца хеназа жоьра йисина къона Шовда. Церан доладан декхар ву Аюб. Шен ден-ненан, доьзалан санна…

Лулахойн ши беш а хадийна, шайн бешахула керта вахара Аюб. Да-нана а, цуьнан доьзал а бехачу шина цIийнан корашкахь чиркхан серлонаш къегара. Йуьхьанца xIapa ца вевзина, хIокхеран месала жен-жIаьла дера лета дуьйлира, тIаккха хIара вевзича, хьалакхийсалуш, цуьнан некха тIе когаш бетташ, хьестадала дуьйлира.

Буса тIаьххьалц да-нана долчохь а Iийна, охьавижа доьзал болчу вахара Аюб. Стенна делахь а, сатоссучу хенахь самавелира иза. Йуха набкхетарг хиларх дог диллинера цо, амма ламазана гIатта а мало йеш, цхьацца ойланаш йеш, дуккха а Iиллира. Аюб иштта сема Iуьллуш, лулахойн жIаьлеша гIовгIа йаьккхира. Дера лета дуьйлира церан жIаьла а. Вуьшта а даим сакх хуьлу Аюб, сихха шена тIе бедарш, кога пазаташ йуьйхина, зудчо йакъайала пешан белшаш тIе хIиттийна эткаш кога а оьзна, йукъах патарманийн гIап йихкина, топ схьа а эцна, хилларг хIун ду хьажа аравала гIоьртира. Амма зудчо сацийра.

– Хьо ара ма валахьа. Со хьожур йу, и жIаьлеш хIунда лета, – Аюб йуха а теттина, арайелира иза.

Пурхе йаьллачу цунна кетIахь масех стаг гира. Царна тIехь ламанхойн духар делахь а, шатайпачу куйнех а, коча тийсинчу таррех а, маж-мекхех а уьш гIалагIазкхий хилар хиира цунна. Шена уьш ца гинчуха, шек йоцчуха, меллаша йуха а йаьлла, цIа чу йахара иза.

– ГIалагIазкхий бу кетIахь лаьтташ! – йагийча санна, мохь белира цуьнан.

Аюб аравала гIоьртича, цуьнан дегIах хьаьрчира зуда.

– Цара вуьйр ву хьо! Сан докъа тIехула бен аравер вац хьо!

Аюба шех хьаьрчинчуьра дIайаьккхира иза.

– ДIайала! Хьо хьерайаьлла? Каравахча, ирхъуллур ву цара, Саламбек санна. Дуьхьало йича, вай дерриг а дойур ду, берашца цхьаьна. КIелхьарвала хьожур ву со!

БIаьрнегIар тухучу йукъана цо ойла йира хIоьттинчу хьолан. ЦIийнан тIехьарчу пенан кор дац. Тхов тIе хьалавала меттиг а бац. ЦIенна го бина хир бу. Цхьа некъ бу цунна. НеIарехула ара а иккхина, мостагIашна йуккъехула чекхваьлла, вадар. Аюба иза къастийра. Далла тIе болх а биллина, цIеххьана неI а йиллина, топ хьала а лаьцна, араиккхира иза. Кертахь лаьтташ Кибиров а, ши гIалагIазкхи а вара.

– Саца! ТIетуху хьуна! – мохь туьйхира Кибировс.

Аюб ца сецира. Иза пурхин дохалла дIахьаьдча, араиккхира да. Цунна кхетарна кхерабелла севццехь а, уьш тоьпаш ца тухуш севцначу йукъах пайда а эцна, ведда, хьаьжкIийн дайна тIехьа иккхира Аюб. ТIаккха бешарчу дитташ тIехьа а лечкъаш, ведда, керта тIехула лулахойн беша иккхира иза. Цигахь гIалагIазкхий лаьттара, хIокхунна тIе тоьпаш а лаьцна. ХIapa ма ве, дийна схьалаца аьлла, омра хиллера а хаац цаьрга, амма тIе ца тухуш, маьхьарий хьоькхура цара. Аюб шолгIачу беша иккхича, гобаьккхина тIе герз детта долийра цунна. Аюба топ йеттара массо а aгIop. КхоалгIачу беша эккха кхиале пхьаьрсах, настарх, белшах дIаьндаргаш кхийтира, амма Дала ницкъ белла, хьалха дIауьдура Аюб. Чевнаш хилла меттигаш, йогуш, лозура, дегIаца охьа цIий оьхура. Шен берриг а ницкъ тIегулбина, пхоьалгIачу кертах иза дехьаваьлча, цунна хьалха нисвелира месала йуьхь йаьлла ши гIалагIазкхи. Аюбан некха тIе а лаьцна, цхьатерра тоьпаш туьйхира цаьршиммо.

Аюбан бIаьргаш чу бода хIоьттира, латта сетташ, хьийзаш санна, хетаделира. Дуьхьал хIуьттура шех хьерчаш зуда а, кхеравелла пурхе иккхина да а, хезира ненан Iадийна мохь а, Абубакар а…

Шаьш тоьхначух ца Iаьбначу шина гIалагIазкхичо цхьаммо коьртах, вукхо дагах тоьпаш туьйхира.

ТIаьххьара дегI озийна, дIатийра Аюб. Майра, самукъане, забаре, догцIена, куьце Аюб.

ТIаккха Аюбан герз схьа а эцна, толаме маьхьарий хьоькхуш, накъосташна тIевахара ши гIалагIазкхи…

Полковника Морганияс боккха толам баьккхира. БIe шовзткъе итт гIалагIазкхичуьнца гo бина, цхьа обарг а вийна. Оцу дийннахь Михеевга рапорт йаздира цо:

«Зеламхин уггар гергарчарех, майрачарех, тешамечарех цхьаъ хилла Тамаев Аюб 1 мартехь, Iуьйранна сатосучу хенахь, шен хIусамера вада гIоьртича, вийна хиларх хаам бо Хьоьга. Оцу луьрачу тасадаларехь цхьа а гIалагIазкхи ца вийна, цхьанна а чов а ца хилла. Тамаев Аюбехь № 14148 йолу трехлинейни топ карийна. Цуьнца хиллачу тIамехь шегара майралла а, даккхий хьуьнарш а гайтира ГIизлара-Гребенски полкан йолхалгIачу сотнис. Сан дехар ду Хьоьга Тамаев Аюбан топ оцу полкан музейна совгIатна дIайала суна бакъо йалар».

4

Шен дахаран хIокху тIаьххьарчу цхьайтта шарахь дуккха а бохамаш, баланаш лайнера Зеламхас. Халонаш-м хьехор а йацара. Халонаш лан кхоьллина боьрша стаг. Цхьанна тIаьххье кхин дIаволуш, деа-пхеа шарахь беллий, байъиний дIабевлира цуьнан уггаре а гергара нах. Ден да. Да а, ваша а. Ден вежарий а, шичой а. ХIинца висинарг пхийтта шо кхаьчна Бийсолта а, цхьа шича Iеламха а ву…

Иштта чIогIа ца Iеткъахь а, дагна Iеткъара накъостех къаьстича а. Царах ткъа чIирхоша вийна. Зеламхас а, цара а цхьаьний ловра обаргаллин халонаш.

Амма уггар чIогIа цунна Iаьткъинарг Саламбеках, Аюбах къастар дара. Майра, оьзда, доьналле накъостий бара уьш. Накъостий, доттагIий алар кIезиг ду. Уьш тешаме вежарий бара цуьнан. Уггар кхерамечу операцешка оцу шинца воьдура Зеламха. И шиъ шеца волуш кхерам ца гора цунна, паргIат охьавуьжура, наб кхетара. Оцу шиннах цхьа а къайле йацара цуьнан. ХIинца и шиъ вац. Зеламха куьйгаш, бIаьргаш доцуш висина. Ши тIам боцуш висина.

Накъостех а хаьдда. Доьзал а Сибрехь бу. Цкъа-шозза кехат деана, цул тIаьхьа шо кхочуш доллу цаьргара хабар доцуш. Царах хIун хилла а, ца хаьа. Дийна бу йа белла.

Областан начальникана кхерамаш тийсира цо, набахтера шен доьзал марша ца баккхахь, иза а, цуьнан йоI а, нуц а йийсаре дуьгур ду бохуш. Амма цо зударий а, бераш а пхеа шарна Сибрех бахийтина. Зеламхина ца йицъелла ша йина чIагIо. Цо кхочушйийр йу иза.

Жамаьлда цIе йолуш, ши обарг вара Зеламхица. АнагIepaн Жамаьлда а, накъосташа Пешхо олу Жамаьлда а. Цхьана хенахь Зеламхица обарг леллера и тIаьххьарниг. ТIаккха, обаргалла а дитина, машаречу дахарна тIевирзира. Ткъа xIокxy тIаьхьарчу шарахь обаргашца уьйр латтош, Зеламхица хьалхалера йукъаметтигаш карлайаха гIертара иза. Ши де хьалха Зеламха волчу веара Пешхо.

– Хьан чIагIо кхочушйан аьтто карийна суна, – элира цо векхавелла.

– ХIун чIагIо? – цецвелира Зеламха.

– Михеевн нуц йийсаре вало ахь йина чIагIо.

– Муха?

– Петарбухера йеана инженерийн комисси йара ДегIастанахь некъаш дохуш а, тодеш а бина белхаш толлуш. Цигара шайн болх чекхбаьккхина, Iаьндахула Соьлжа-ГIала йoгIyш йу иза. Цуьнца ву Михеевн нуц. Цул совнаха, белхалошна алапина арадаьккхина дуккха а ахча ду, боху, цуьнгахь.

– Маца йогIу иза кхуза?

– ХIокху беттан пхуьйтталгIачу дийнахь. Пхи де даьлча.

– Хьуна мичара хиъна иза?

– СаIидера.

– Иза мила ву?

– Веданара СаIид ца вевза хьуна? Некъийн мастер?

– Муха ца вевза? Кибиров боху кхахьпа шен кертахь кхобург.

 

– ХIаъа. Кибировс СаIиде дийцина, ткъа СаIида – соьга. Шен нуц ахь йийсаре лацахь, Михеевс хьан доьзал Сибрехара цIа балор бу. Цул совнаха, алссам хIонц кара а йогIур йу хьуна.

Пешхо дIавахча, ГацагIеран Бетарсолта а, АнагIеран Жамаьлда а веара Зеламха волчу. Зеламхас дийцира цаьршинга Пешхоца шен хилла къамел.

– Цо лелочух шек ву со, – элира Зеламхас, къамел дерзош. – Цкъа вайца накъост хилла лелла иза. ТIаккха дIакъаьстина. ХIинца йукъагIерта. Цо деана хабар схьадаьлла меттиг а йу шеквоккхуш. Ша къамел деш бIаьргаш хуьлу цуьнан, хи санна, лелаш. Дуьхьал ца хьовсуш. Цуьнгахула вайна тешнабехк бан гIерта-те Кибиров?

– Иза талла хIумма а хала дац, Зеламха. Кхана сарале къастор ду. Нагахь санна Пешхос дийцинарг бакъделахь, кIело а йина, Михеевн нуц лоцур ву вай.

– Ша вайца ваийта бохуш, дехар а дина соьга Пешхос.

– Мелхо а, дика ду. Ваийта веза. Нагахь санна цо лелориг йамартло йелахь, цунна шен хьакъ дIалур ду вай.

Пешхох йолу Зеламхин шеко чIагIйира шолгIачу дийнахь суьйранна веаначу Бетарсолтас.

– Пешхос дийцинарг бакъ ду. ХIокху беттан пхуьйтталгIачу дийнахь Iаьндара охьайогIу и комисси. Амма Пешхос лелориг тамашийна хIума ду. ХIинцале цо эладита даржийна, оцу комиссина кIело а йина, цуьнгара ахча даккха а, Михеевн нуц йийсаре лаца а кечлуш ву Зеламха бохуш. Иза гуш лаьтташ йамартло йу.

– Цунна тIера бIаьрг дIа ма баккхалаш. Нагахь санна иза шен лаамехь вайца дIа ца вагIахь а, нуьцкъах вуьгур ву вай. Ахь ма-аллара, Бетарсолта, цуьнгара йамартло гучуйалахь, цигахь шен хьакъ дIалур вай. Вайна кечам бан дисинарг диъ де бен дац. Хьанна хаьа, пхуьйтталгIачу дийнахь Iаьндара охьабевр бу аьлла, эладита а даржийна, и комисси цхьа-ши де хьалха новкъа йалахь? Ботлихана а, Веданна а йуккъерчу некъа тIехь тергам латто беза.

ГацагIеран Бетарсолта Веданара вара. Зеламхина а, цунна а, шайн куьйгийн пIелгаш санна, дика девзара ЧIебарлара а, Iаьндара а лаьмнаш. Массо чIаж, Iин, тарх, дитт, колл.

5

Полковника Морганияс оцу деношкахь жигарабаьккхира шен агентурин болх. Шега догIучу декъана цунна гIo дора Ведана-округан начальникан декхарш ханна кхочушдечу Кибировс а. Церан агенташа хьалххе уьйр теснера лаьмнашкахь жаш кхобучу нахаца. Кечйинера Дагестански полкан Iаьндахь лаьтта ротмистр Котиев коьртехь волу шолгIа сотни а. Нагахь санна оьшуш меттиг нислахь а аьлла, резерве хIоттийнера оццу полкан Гасаниловн сотни а. Кибировн куьйгалли кIел Ведана йалийнера цунна йевзаш йолу ГIизлара-Гребенски полкан йолхалгIа сотни а. Царал совнаха, Гумбетан участках пурстопа, коллежский регистратора Саадуевс вовшахтоьхнера лаамхойн отряд а.

Амма Морганиянчул тIех жигара болх бора Зеламхин агентуро. Изза жаIуй а, нохчийн, суьйлийн йарташкахь дуккха а нах бара цунна тешаме болх беш. Iедало дIа мел баьккхинчу когах Зеламхина тIе хаамаш кхачабора цара.

Зеламхица шен хилла къамел сихха Кибировна тIе дIакхачийра Пешхос. Зеламхас комиссина кIело йийриг хиларан цхьа а тайпа шеко цахилар а хаийтира. Амма цуьнца маса стаг хир ву, ца хаьара Пешхона. Иттаннал алсам хила мега, элира.

Кибировс и хабар сихха дIакхетийра Морганияга. Зеламха а, цуьнан тоба а хIаллакйар Морганияна тIедиллинера областехь. Морганияс а, Михеевс а план хIоттийра, комиссина кIело йина Зеламха шен тобанца схьалаца йа хIаллакван, иза йовзийтира ДегIастана областан начальникана а. Гонна йуккъе хьовзийна а, дуьхьал тIелатар дина а, и план кхочушйалур йу бохург хьехочохь а дацара. Кхузахь мекарло оьшура. Ткъа иза Морганияхь оьшучул а тIех йара. План массанхьа а къобалйинчул тIаьхьа ротмистр Долидзе шена тIекхайкхира Морганияс.

– ХIокху беттан пхуьйтталгIачу дийнахь Ботлихера охьа Ведана йогIур йу инженерийн комисси. Къоьзан-Iоман районехь, Керкетехь, цунна кIело йан сацам хилла Зеламхин. Вайн агентуро оцу комиссица Михеевн нуц Шарль Акс ву аьлла цуьнга. Цул совнаха, разбойникаш сутарбаха, оцу комиссигахь дуккха ахча ду а аьлла. Ахчанан дуьхьа-м комиссина тIелетар вац Зеламха. Цуьнгахь хилар шена билггал ца хиъча – муххале а. Зеламхин коьрта Iалашо Михеевн нуц йийсаре вигар йу. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца. Акс хир вац комиссица. Комисси новкъа йолуш, иза дIакъастор ву цунах. Оцу дийнахь вайн аьтто нисло Зеламхин гIера хIаллакйан. Даррехь и Iалашо кхочушйалур йац вайга. Цунна мекарло оьшу. И комисси ахь йалор йу Ботлихера охьа. Ха деш салтий хилча а, дукха адамаш хилча а, Зеламха шеквер ву. Хьоьца Дагестански полкера шийтта дошло хир ву. Шух цхьанна а тIехь тIеман духар а хир дац. Ха дац ца моттийта, тIеман духарца, герзаца говрашкахь виъ салти а хир ву. Шу кхойттанна тIехь ламанхойн духар хила деза. Герз гуш ма дита. Пайтонаш чохь дIалачкъаде. Шуна орца дезачу хенахь тIекхача кийча Котиевн, Гасаниловн сотниш, Веданара гIo а хир ду. Операци кхиамца чекхъериг хиларан цхьа а тайпа шеко йац. ГIуллакх чекхдаьлча, Ботлихера схьа Ведана телеграмма лур ахь. Дала аьтто бойла хьан!

Йиллинчу хенал ши де хьалха Ботлихера охьа Ведана богIучу некъана тIехула, Чермойн ломахь шен тобанца сецира Зеламха. Масех шо хьалха санна, аьтто бацара цуьнан дуккха а накъосташна йукъара тоьлларш къесто. Накъостий кIезиг бисинера хIинца. Iедало а, чIирхоша а байъина. Цуьнца итт накъост вара. Бийсолта а вагарвича. Ша кIелонна билгалйинчу меттигана гергахь ца сецира иза. Ткъа хIокху Чермойн ломара, Iабдуллин-дукъара дIа, керайуккъехь санна, гора Ботлихана а, Веданна а йуккъера некъ. Къоьзан-Iомана уллорчу некъан буткехь саца тарло комисси. Амма цигахь даим латтош ха ду. Зеламхас бIаьргашна тIелаьцначуьра дIа ца йоккху турмал. Нагахь санна кхечу агIорхула царна кхерам хилахь, кIур болуьйтуш, цIерш летош, хаам бийр бу жаIуьша.

15-чу сентябрехь, де делкъенга долуш, новкъахь гучуйелира йиъ пайтон, царна тIаьхьа говрашкахь виъ салти а. Шина пайтона тIехь пхиппа дегIастанхойн дошлой бара. Шинна тIехь – инженераш, цаьрца цхьацца дошлой а.

Турмалца цаьрга хьоьжучу Зеламхин велавалар иккхира. Долидзена Iовдал хетара иза. Ткъа Зеламхина, и комисси Ботлихера схьа новкъа ма-елли, хиънера инженерашца богIурш муьлш бу. Долидзе, дегIастанхойн шийтта дошло а, виъ салти а. И хаам шена тIе ца кхаьчнехь а хуур дара, церан ковра гучу ма-еллинехь. MoгIара кхойтта ламанхо хIунда ву цаьрца аьлла, шеквер вара. Ши-кхоъ хилча а, цхьа лар йара. Некъ гайта а, меттигаш йовзийта а. Цул совнаха, бIаьрг ма-кхийтти, хуур дара уьш тIемалой хилар.

Некъо голатухучохь, шинне aгIop тIулган бердашна тIехь, тархашна тIехьа хьалххе дIахIиттийнера Зеламхас шен накъостий. Царна кхерам бацара, йаккхий тоьпаш тIейиттича а. Амма новкъа богIучеран, уьш мел дукха хилча а, левчкъина а, бевдда а хIокхеран дIаьндаргех кIелхьарбовла аьтто бацара.

Кхераме киртиг тIехIоьттича, Зеламха даим а хьалхаволура накъосташна. Царна масална а, тIетухург хьалха шена кхетийта а. Цкъацкъа мостагIашна ша ца вовзийта, къасттийна шена тIе ца йеттийта, шен йуьхь-сибат хуьйцура цо. ХIинца цуьнан можана тIехула тIейоьллина цIен мIаьжаг-маж а, бIаьргех доьхкина Iаьржа куьзганаш а дара.

– Нагахь санна цара герз хьадахь, ас и гуьржи вуьйр ву, – элира цо накъосташка. – ТIаккха аш тIетоха. Хьаьддарг-веддарг ца волуьйтуш, салтий а, суьйлийн дошлой а байа. Инженераш дийна бита хьовса шайн ницкъ ма-кхоччу.

Зеламхина йуьхь-дуьхьал ца вевзара Михеевн нуц. Инженерашна тIетоьхча, цаьрца цхьаьна иза а верна кхоьрура Зеламха. ТIаккха эрна хир дара хIокху деношкахь цара хьегна къа а, цIий Iанор а.

Зеламхина накъост ца оьшура инженерийн коврана новкъахь дуьхьалвала. Амма Пешхо шена уллора дIавала а ца лаьара. Хьанна хаьа, тIаккха цо хIун дер. Кхин накъост а воцуш, цуьнца шецца мостагIашна дуьхьал ваха а кхераме дара.

– Бетарсолта, Пешхо, шуьшиъ соьца дIавола! – омра дира цо.

6

Ботлихана а, Веданна а йуккъерчу некъан белхалойн буткина уллохь севцира инженераш. Бутка аьлча-м, кхоччуш сурт ца хIуттура цуьнан. Иза доккха цIа дара, уче а, сени а йолуш. Чохь пеш, стол, гIанташ а дара. Балхара мукъабевлча, белхалошна садаIа аннех бина боккха, шуьйра маьнга а бара. Хьеший богIу аьлла цIанбинехь а, йа даим иштта хиллехь а, цIена бара буткин гo.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37 
Рейтинг@Mail.ru