bannerbannerbanner
полная версияДарц

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Дарц

Полная версия

Зеламхин буьрсачу дешнаша кхерийна пхи стаг цхьана йукъана вогIавелла лаьттира. Эххар а вистхилира баьшна корта а, Iаьржа маж-мекх а долу лекхачу дегIара стаг:

– Батоно Зеламха! Со Вербицкий вац! Со гуьржийн совдегар ву… чIагIар духкуш… Хьуна дезахь, ахча а ду соьгахь…

Вист ма-хилли иза гуьржи вуйла хиъначу Зеламхас, куьг а ластийна, витира иза.

– Хьо мила ву? – дегIана эгIазечунна тIевирзира иза.

– Со машенан шофер ву, господин Зеламха… – берчаш xIиттинa, силамаша Iарждина ши куьг хьалха кховдийра вукхо.

Иза а тергал ца веш, витира Зеламхас. ТIаккха мозгIаре хьаьжира иза.

– Со Делан лай, священник ву, господин Зеламха…

– И месаш, маж-мекх тIелатийна-м дац хьан?

– Дала ларвойла иза дечух! Дала сайна делларш ду ас лелораш! – буйна а къевлина, маж дIасаозийра мозгIара.

– Теша со. Шу кхоъ дIагIо.

Коьртахь кIайн шляпа а, тIейуьйхина кIайн-Iаьржа моханаш йолуш костюм а, беха буьхьигаш болуш мачаш а йолуш, халла хаалуш бухь сеттина, йуьхь тIехь цхьа а чо боцуш волу стаг цхьа гIулч тесна хьалхавелира.

– Господин Зеламха, со Вербицкий а, йа oьpcи а вац. Француз ву со. Циркан артист. Фокусник. Машен тIехь йисина ши йоI сан ассистенташ йу. Хьажал, сан говзалла xIapa йу!

Дуьлуш санна, вовшех а хьакхийна, цо куьйгаш схьадиллича, керайуккъехь xIоa дара. ТIаккха тIе а вахана, и xIoa цхьана обарган кисанара схьаийцира цо. Йаьсса шляпа обаргашна дIа а гайтина, бертал йиллина, тIехула куьг а хьовзийна, схьа а эцна, цунна чуьра бес-бесара, тIаьхье ца хедаш, ленташ схьадаха вуьйлира. TIе а воьдуш, цхьана обарган кисанара хIуманаш кхечуьнан кисанара а, четара а схьайохура. Обаргийн маьхьарий оьхура:

– ОстопируллахI!

– Делан болх бу-кх!

– Бозбуанчалла!

Иза шена дуьххьара гуш делахь а, ша мел цецваьллехь а, иза ца хоуьйтуш, цуьнга лерина хьоьжура Зеламха. Артистана баркалла а аьлла, букъах куьг тоьхна, дIахьажийра цо.

ХIинца цхьаъ висинера пхеаннах.

2

Куьцечу дегIахь, цIена маж-мекх даьшна, горго йуьхь йолуш, шовзткъа шо гергга хенара безамехь стаг вара иза. ТIехь Iаьржачу исхаран костюм а, коьртахь фетран Iаьржа шляпа а, когахь Iаьржа туфлеш а йара цуьнан. Аьрру пхьаьрсах тесна кIайн плащ, каралаьцна, Iасанан санна, хьаьвзина мукъ болу Iаьржа четар а. Кхузахь хуьлуш дерг боккхачу тидамца тергалдеш, вист ца хуьлуш, йуьстах xIоьттина лаьттара иза.

Иза Шаляпин Федор вара.

Зеламхин дахарх, хьуьнарех лаьцна дуьйцуш хезнера цунна. Зеламхас Пачхьалкхан Думе йаздина кехат а дешнера цо газет тIехь. БуритIа кхаьчча, цунна хиира, Вербицкий коьртехь а волуш, Зеламхина тIаьхьа толлуш, таIзархойн йоккха отряд хилар а. Вербицкийс цуьнга йаздина оьзда доцу кехат а дешнера цо, хIинца Зеламха и шен мостагI лоьхуш хилар а хиънера.

Къечу доьзалехь винчу, бераллехь дуккха а халонаш лайначу, къинхьегаман халкъах схьаваьллачу Шаляпинан деган кIоргехь бовха безам бара оцу гIараваьллачу декъазчу обарге. Амма цунна цкъа а дага а ца деанера, иза шена гур ву аьлла.

«ХIан-хIа, хIapa а дац Вербицкий боху зуд, – ойла йора Зеламхас. – ХIокхуьнан йуьхь-сибат шатайпа ду. Адамалле йуьхь-сибат, къинхетаме, гIайгIане бIаьргаш, майра хьажар. Къиза, йамарт, стешха стаг иштта ца хуьлу…».

Цаьршиннан хьажар дуьхь-дуьхьал нисделира. Шаляпина корта таIийра.

– ГIараваьлла Зеламха, – элира цо, догцIена велалуш. – Сайна мел ца лаахь а, хьан дог дохо дезар ду сан. Со а вац хьан мостагI Вербицкий.

– Хьо мила ву ткъа?

– Ас цIе йийцарх, со вевзар вац хьуна.

– Хьо эпсар воцийла, хаьа суна. Совдегар, инженер, хьолахо – мила ву хьо?

– Иза а, важа а вац. Со артист ву. Илланча. Шаляпин Федор. Сан паспорт машен тIехь чамди чохь дисина.

Зеламхас, тIе а вахана, куьг лецира Шаляпинан. ТIаккха вертанехьа куьг хьажийра:

– Схьавоьл, охьахаал. Хьайн цIе йаккхарх, суна хьо вевзар вац, элира ахь. Оцу тIехь галваьлла хьо, Федор. Суна ца вевза хьо, амма вуьйцу хезна. Соьлжа-ГIалин набахтехь а, Сибарен ссылкехь а. Дика иллеш олуш нах нислора цигахь. Цара хьо вуьйцуш, ладегIна ас. Хьо илланчийн паччахь ву, олура цара. Ткъа паспортах дерг аьлча, илланчина а, обаргана а паспорт ца оьшу. Церан гIуллакхаш ду паспортан метта лелаш. Тхаьш маьрша дисинчу сахьташкахь иллеш, назманаш олу оха. Илланчехь боккха ницкъ бу. Иза эзарнаш тIемалойн метта ву. Нохчийн халкъан цхьа дийцар ду илланчех лаьцна. Мацах цхьана заманахь, цхьана нуьцкъалчу, къизачу паччахьан, цIоз санна, дукха эскар деана хилла нохчийн махка. Цо, лаьхкина, лаьмнашка боьхкина хилла нохчий. Амма нохчий, къарбелла, кIел ца севцца царна. Лаьмнашкара охьа а буьйлуш, тIелеташ, мостагIий хIаллакбеш хилла. ТIаккха церан паччахьо, шен уггар а тоьлла инарла коьртехь а волуш, эскар хьажийна лаьмнашка. Нохчийн халкъ хIаллак а дай, цхьа а нохчо дийна цависарна тоьшаллина закъалт дохьуш вола аьлла. Цхьа хан йаьлча, шен эскарца йухавеанчу инарлас, ша нохчийн халкъ дерриг а хIаллакдина, аьлла паччахье. «Закъалтана хIун йеана ахь?» – хаьттина паччахьо. Инарлин тIемалоша лекха лам хIоттийна байъинчу нохчийн кортойх. «Нохчийн халкъан илланча вийний ахь, цуьнан пондар беаний ахь?» – хаьттина паччахьо. Ца беана ша, аьлла инарлас. «ХIета ахь нохчийн халкъ ца дийна, цуьнан xIy ца дайъина. Илланча дийна мел ву, цуьнан карахь пондар мел бу, нохчийн халкъ лийр дац. Йуха а гIой, илланчин корта а, цуьнан пондар а бохьуш вола», – аьлла, инарла эскарца йуха а лаьмнашка вахийтина паччахьо, бохуш, дуьйцу халкъо. Цундела нохчаша чIогIа лору илланча, сий до дечиг-пондаран. Хьо Шаляпин Федор, илланча ву, боху ахь. Со обарг лелачу исс шарахь дукха нах гIиртина со Iexo. Йамарт а, стешха а нах. Хьо царах ву бохург дац сан. ТIехьаьжча, царах тера вац хьо. ХIетте а хьо Шаляпин Федор хиларна тоьшаллина цхьа илли алахьа.

Хьаша воьхна хьаьвзира.

– Суна оьрсийн маттахь бен ца хаьа иллеш…

– ХIумма а дац. Массо къаьмнийн иллийн йукъара цхьа мотт бу – цуьнан аз а, мукъам а. Тхо кхетар ду цунах.

– Нохчийн цхьа илли хаьа суна. Оьрсийн цхьана йаздархочо дIайаздина. Обарг Хьамзатах лаьцна. Иза дIаэр ду ас шуна.

Шаляпин, хьала а гIеттина, масех гIулч йуьстахваьлла, обаргашна тIе а вирзина, дIахIоьттира. Цкъа хьалха церан хIораннан йаххьашна тIехула бIаьрг а кхарстийна, тIаккха шен хьажар лаьмнийн баххьашна тIе а доьгIна, илли долийра цо:

Подымемте песню большой старины,

Как были гехинцы Гамзату верны.

За Терек ушли от погони,

И лодками стали их кони.

Нагайки их веслами стали,

Шли кони, пока не устали.

Тогда, окруженны врагами,

Гехинцы легли за стогами…

Цуьнан цхьа шатайпа хазачу мукъамехь, башха аз, Теркан чIожан бердашца шалхадуьйлуш, даьржира, оцу озо къарйира буьрсачу Теркан карзахе гIовгIа.

«Сдавайтесь!» – враги им кричали,

Их пули в кольчуги стучали.

«Довольно сверкать вам очами.

Нет крыльев у вас за плечами,

Чтоб в небо взлететь бы ретивым,

Когтей нет, чтоб в землю уйти вам!».

Вскричал им Гамзат: «Вы забыли,

Что крымские ружья – нам крылья!

Что когти нам – шашки кривые,

И мы не сдадимся живые!»

Шаляпина сих-сиха бIаьрг тухура обаргашка. Цара гIайгIане ладоьгIура иллин мукъаме. Царна хаьара иллин дешнаш. Цара шаьш а олура и илли, мостагIаша гатте хьовзийнчу сахьташкахь…

Вскричал тут Гамзат муталимам:

«Сражайтесь неутомимо!

А вы, перелетные птицы,

В Гехи полетите проститься.

За нас долетите проститься,

Скажите, как стали мы биться..

Ткъа иллин аз декара. Цкъацкъа хеталора, хIара лаьмнаш, хьаннаш илланчина тIаьхьара олуш техка, буьрса Терк тийжаш доьлху…

Скажите красавицам ясным,

Что умерли мы не напрасно,

Что плечи свои не согнули,

Подставив, как стены, под пули.

Лежим на Черкесском холме мы,

Недвижны в крови мы и немы.

Мы голые шашки сжимаем,

К нам волки приходят, хромая…

Иллехь буьйцург хIокху обаргийн декъаза кхоллам бара. Царна дукха тIехIиттинера иштта киртигаш. БIаьргаш дуьхьал хIуьттура шайн байъина накъостий. Iедало лелхийна, дуьне гатдина лела шайн дай-наной, доьзалш…

И вороны к нам налетели,

Не сестры поют нам – метели.

Скажите народу вы, птицы,

Что нами он может гордиться…»

И бросились в бой муталимы,

Сражаясь неутомимо.

Так пали гехинцы, Гамзату верны,

У Терека пенистой, вольной волны…

Илли чекхдаьлча, Шаляпинан аз кIез-кIезиг лахлуш, лаьмнашца, хьаннашца дIадижира, Терко хуьйдина, дIатийра. Шаляпин гIайгIане хьаьжира шена хьалха тийна хевшина Iачу обаргашка.

«Мацца а цкъа иштта турпала Iожалла хир йу-кх хIокху цхьайттаннан а…» – доккха садаьккхира цо.

– Баркалла хьуна, Федор. Оха гIелделла, гIайгIане ладегIарх, тхох ма кхардалахь. Харцоно, къизалло xIoкху декъазчу, халчу новкъа даьхна тхо. Тхешан кхолламах хIумма а даккхийдеш а дац. Доьзалех, йуьртахойх хадийна, адамех а къастийна, акхаройн амалшца дехаш делахь а, адамаш ду тхо. Тахана-кхана, мацца а цкъа оцу гиххойн Хьамзатан а, цуьнан накъостийн а санна, Iожалла тIеэца дезар ду тхан. Обаргаш хила дуьнен чу ма ца даьхнера тхо тхан наноша…

– Хаьа суна, Зеламха. Пачхьалкхан Думе ахь йаздина кехат дешна ас…

– ХIета хьуна дерриг а хаьа. Дерриг аьлча а, коьрта дерш. Сайгара бала суна а бен ца хаьа. Iедало хIокху новкъа со ваккхале къена ден да а, да а, шиъ ден ваша а, сайн ши ваша а, дуккха а шичой а бара сан. Тхо машаре дехара, цхьаьнцца а хьагI-гамо а йоцуш. Латта а лелош, даьхни а кхобуш. ХIинца уьш цхьа а вац. Берриг а байъина. Iедало ша а байъина, чIирхошка а байийтина. Тхуна йуккъехь мостагIалла кхоьллинарг а Iедал дара. ХIинца пхуьйтталгIа шо долуш цхьа ваша висина сан. Иза а сан новкъа ваьлла. Кхин некъ ма бац цунна. ЦIахь Iийча, Iедало йа чIирхоша вуьйр ву. Сан зуда а, жима йалх бер а ду. Вийначу вешин зуда а, жима кIант а ду. Лаьмнашкахь цхьанхьара кхечухьа кхелхаш лела уьш. Церан дахар а дац цхьана сахьтана а тешаме. Экханна тIаьхьа жIаьлеш санна, царна тIаьхьа толлуш лела Iедал. Шина зудчунна а, йалх берана а. Изза бала бу сан накъосташкахь а.

 

Новкъа ваккха Шаляпин ша машен тIе вуьгуш, уллохь цхьа а воцчохь, пхьарс лаьцна, сацийра Зеламхас:

– Цундела, Федор, ахь илли олуш тхан дегнаш кIадделлера алий, тхох ма кхардалахь. Иза цхьаьнгга а ма дийцалахь. Федора илли олуш, Зеламха а, цуьнан накъостий а, дегнаш а кIадделла, зударех тарбелла хилла бохуш, мостагIий кхаьрдар бу тхох. ХIан, хьан некъ дика хуьлда…

Шаляпин, машена хьала а ваьлла, шен метта охьахиира. Шоферо тIам хьовзийча, шозза-кхузза йиш хаьлла хьоршамаш а тоьхна, Iаьржа кIур тесна, йегош болх бан йолайелира машен.

ЧIожахь, некъо голатухучохь, машен къайлайаллалц шайна тIаьхьахьоьжучу Зеламхе куьйгаш лестадора пассажираша.

3

Вербицкийн отрядо, масех декъе а йекъайелла, меттигерчу гарнизонашкарчу салтийн гIоьнца массо а агIop операци йора, цхьана а дийнахь са ца доIуш. Церан коьрта ницкъаш Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а лаьмнашка хьовсийнера. ЦIopxexь диннарг дора цара шаьш дIакхаьчначохь массанхьа а. Обаргаш, къуй, талорхой, герз лоьху шаьш бохуш, цкъа хьалха цIенойх хьовсу бохуш, бахьана а хIиттош, бахархойн миска бахамаш талабора салташа а, гIалагIазкхаша а, шаьш лоьхурш ца карийча, бехк-гуьнахь а доцу миска нах лоьцура, тIаьххьара а йерриг йурт йа цхьадолу цIенош дагадора.

Тутмакхех йуьзнера областера йерриг а набахтеш. TIe, лоьцучарна меттиг мукъабаккха, суд йина олий, цхьа бахьана а лелош, хенаш йетташ, Россин къилбаседа губернешка а, Сибрех а дIахьийсабора бIеннаш нах а, дийнна доьзалш а.

Зеламха ца уьдура шена тIаьхьа толлучу таIзархойх. Мелла а цо жигара баьккхинера Iедална дуьхьал къийсам.

ХIокху шарралц тоба жима йара Зеламхин. Алсам накъостий цакарор а дацара иза. Цунна ца оьшура йоккха тоба. Накъостий алсам хилча, хала хир дара шайна тIаьхьа толлучу паччахьан эскаршца къийсам латто а, царна тIелета а, оьшучохь кIелхьардовла а, къайладовла а. Цул совнаха, тобане дукха нах тIеэца воьлча, цаьрца йамартхой, Iедалан къайлах агенташ нисбаларна а кхоьрура. Цкъа шен агент цуьнан тобанна йукъа нисван гIоьртира Iедал. Ша тобане тIеэцахьара аьлла, веаначу цхьана стагах шеквелира Зеламха. Соьлжа-ГIалин округан начальник подполковник Стрижев а вийна вагIахь, ша тIеоьцур ву хьо аьлла, иза дIахьажийра Зеламхас. Иза кхин гучу ца велира.

ХIетахь дуьйна шен тобане вогIу xIopа а стаг, массо а aгIор теллина, зийна бен, тIе ца оьцура Зеламхас. Къуй а, талорхой а шена аьттехьа а ца буьтура. Iедалан хьаькам вийнарг, йа Iедало да, ваша, гергарниг вийнарг, йа каторгера ведда цIавеанарг, йа Iедало бехк-гуьнахь а доцуш бIарзвина хьийзориг, йа Iедало халкъана тIехь латто Iазап, къизалла, харцо ца лайелла, цунах бекхам эца чIагIо йинарг – иштта нах бара Зеламхас шен тобане оьцурш.

ХIокху шеран бIаьстенан йуьххьехь дуьйна, областера берриг а тIеман ницкъаш шена тIаьхьа а баьхна, Iедал халкъ хьийзо доьлча, цунна дуьхьало йан шен тоба стамйан дийзира Зеламхин. ХIинца дукха бара цуьнан байракха кIел хIитта луурш. Вербицкийн таIзархойн отрядо гергара нах байъинарш, лецнарш, зударий сийсазбинарш, керташкара бахамаш талийнарш, цIенош дагийнарш. Нохчий а, гIалгIай а. Къаьсттана дукха – гIалгIай. ХIетте а,0 Зеламхас лерина толлура шена тIевеана хIора а стаг, иза муьлхачу тайпанах ву, муьлхачу гарах, цIийнах ву, иза шена тIеваран бахьана хIун ду. ТIаккха ша резаволчуьнга Къуръан тIехь дуйнаца чIагIо йойтура массо а aгIop накъосташна тешаме хила.

Иштта, 1909-чу шеран аьхка Зеламхин байракха кIел масех бIе обарг вара. Берриг а бацара уьш герз карахь Зеламхин операцешкахь дакъалоцуш. Цхьаберш цуьнан разведчикаш бара. Цхьаболчара цунна а, цуьнан накъосташна а, церан доьзалшна а къайлабовла тешаме меттигаш латтайора, уьш кхерамах ларбора. Кхечара обаргашна герз, духар, кхачанан сурсаташ латтадора.

Шена а ца хууш, Зеламхас боккхачу барамехь партизанийн ницкъаш вовшахтоьхнера. Цуьнан обаргаш тобанашкахь цхьаьнакхетта ца бехара. Операци йан дезаш хилча, Зеламхас цхьана йа масех тобане гулбора уьш, ткъа и операци чекхйаьлча, дIасахоьцура. Уьш цхьаберш шайн доьзалшна, бахамашна тIе йухабоьрзура, ткъа Iедало лоьхурш, цхьацца-шишша, обаргашна тешамечу нахехь лаьмнашкахь къайлабовлура, шайга хаам бинччу сохьтехь Зеламхина тIаьхьахIитта кийчча.

Цундела бархI баттахь обаргашна тIаьхьа талларх, Вербицкийс лаьцнарг веккъа цхьа обарг вара – МартантIера Домбин Нукка.

ТаIзархойн къизаллина дуьхьал хьокъалла боллу бекхам оьцура Зеламхас. Лаьмнашкахь, хьаннашкахь кIелонаш йеш, цIеххьана тIелетарш деш, отрядашна даккхий дараш дора цо. Цул совнаха, ша Вербицкийх ца кхоьрийла хаийта, дийнан делккъехь а, буьйсанна а БуритIа, Соьлжа-ГIала чу а воьдий, хьолахой талабора. ХIокху бархI баттахь Соьлжа-ГIалара хьерийн долахо Проханов, совдегар Резаков, Кроликан складаш, Симоновн гIapaйаьлла туька, кхин дуккха а хьолахой талийнера цо.

Амма къаьсттана йоккха гIoвгIa йаьккхира областехь 1910-чу шеран 8-чу январехь Зеламхас Соьлжа-ГIаларчу станцина динчу тIелатаро. Иза Iаламат майра а, кхераме а тIелатар дара. ХIунда аьлча станци гIали чохь йара, иза ларйеш стражникаш бара, царал совнаха, оцу станцех хоттайеллачу Грозненски станицехь герзех воттавелла масех бIе гIалагIазкхи вара. Соьлжа-ГIали чохь долу эскаран дакъош-м хьехор а дацара.

Буьйса шийла йара, йуьхь а морцуш. БIаьргаш а, марош а доцурш, йуьхь дIакъовлуш, коьртех башлакхаш а хьарчийна, станцина гергакхаьчча, шайн говраш цхьана жимачу боьрахь шина накъостаца а йитина, йуьйлина тоьпаш кара а лаьцна, вовшашна йуккъехь ткъех гIулч йукъ а йуьтуш, меллаша станци чу бахара уьш. Массарел а хьалха Зеламха а, гIалгIайн Саламбек а, ишхойн Жабраил а, царна тIаьхьа Аюб, Абубакар, АнагIеран Жамаьлда, Баматгери-Хьаьжин Iела а вара. Станци а, станица а набарна дIатийнера. Когаш кIел йамартлонца цIийзара ло. XIopш вокзалана тIекхочуш гина машинист, орца ала гIоьртича, Саламбека шаьлта тоьхна вийра. ГIовгIа хезна, схьаиккхинчу шина стражниках цхьаъ вийра, важа, чIогIа чов йина, охьавожийра. Обаргаш вокзала чу бевлча, кхеравелла телеграфист, шершшина, стоьла кIел вахара. Иза кхераме воцийла хууш, цунна зулам ца дира обаргаша. Амма телеграфан а, телефонан а аппаратийн серий хедийра.

Уггар хала болх кассин цIа чохь карийра царна. Цкъа тIехула эчиг тоьхна неI йохо дийзира. Иза-м неIсагIина а, неIарна а йуккъе лом доьллина, саттийна, схьайиллира цара. Стоммачу эчиган ши сейф схьайелла гIерташ, дуккха а къахьега дийзира. Цкъа булий, варзап йеттара, и вокзал йекош. ТIаккха даIамца догIанан гуо хадо гIертара, тIаккха лом сеттадора. Хьалхарчу неIарш чухула шолгIанаш а хиллера.

Зеламха сих-сиха неIаре хIуттура:

– Шу довла ца дохку?

– ХIинца цхьа хIума хуьлуш доллу хIокхунах!

Цхьана сохьтехь къахьегча, шина а сейфан арахьара а, чухулара а неIарш схьайеллайелира. Чохь ахча Iуьллура, таппашка а нисдина, тIехула тIийригаш а йихкина. Уьш сихха гали чу кхийсира Саламбека а, Жабраила а.

Вокзалана гонаха массанхьа а тоьпаш йевлира.

– Девллий шу?

– Девлла!

– Же, ма Iелаш! Гучудевлла вай!

Тоьпаш йеттарш эххар а самабевлла станицера гIалагIазкхий бара. Йуьхьанца хиллачух ца кхеташ, хIаваэ хьала йеттара цара, тIаккха вокзалера схьабогIу обаргаш гича, цхьаберш дуьхьал а бевлла, тIеетта буьйлира. Амма уьш саметта а баьхкина, вовшах а кхетта, тIаьхьабовла кхиале, дуьхьалнисвелларг, тухий, вожош йа эккхош, шайн говраш тIе а бахана, хаьхкина дIабахара обаргаш.

Вокзалан кассера 18000 сом ахча даьхьира цара.

ГIала хаам бича, станце кхечира Соьлжа-ГIалин округан начальник подполковник Стрижев а, оцу буьйсанна гIалахь нисвелла Вербицкий а, цуьнан метта таллархойн ханна отрядан начальник хIоттийна полковник Веселовский а. Салтийн а, гIалагIазкхийн а орца даьккхира цара обаргашна тIаьхьа. Амма Зеламха шен накъосташца тоххара лаьмнашка воьллера…

4

Исс баттахь гергга Зеламхина тIаьхьа толлуш, лийлира Вербицкий. Амма оццул къахьегарх, цуьнга лацавелларг веккъа цхьа обарг бен вацара. Иза хIокху областе веача, цо дина дозаллаш а, кхийсина кураллаш а, Зеламхина тийсина кхерамаш а дуьххьалдIа кIар-кIаран даьсса хабарш а, гIовгIa а хиларх кхеттера меттигера йукъаралла а. Хьалхарчу масех баттахь иза, турпал вина, хестийра меттигерчу зорбано а. ТIаккха цхьана йукъана иза хестор дитира цо. ТIаьххьара а цунна тIехбеттамаш бан, Iиттарш йан дуьйлира. ХIун деш ву бIагIара атаман Вербицкий? Пятигорскан а, ДегIастанан а турпал? Мича дахана цо Iедална а, йукъараллина а делла дош? Шен реляцешна тIехь цо масех бIе обарг вийна, ткъа Зеламха маьрша лела? ХIyммa а лечкъина а, къайлаваьлла а ца Ia. Мелхо а, дийнан делккъехь Буру-гIалина а, Соьлжа-ГIалина а тIелетарш до. Хьалхачул а алсам. Ткъа Вербицкий нохчийн а, гIалгIайн а йарташ йохош, талош, бехк-гуьнахь доцу нах бойуш, лоьцуш, набахтешка кхуьйсуш, мелхо а, Зеламхин тоба стамйеш ву. Вербицкийс пайда ца бо Iедална а, йукъараллина а, мелхо а, зуламе ваьлла иза.

Йуьхьанца дозаллаш дора Вербицкийс. ТIаккха иза дитира цо. Эххар а цо дог диллира шега Зеламха а, цуьнан обаргаш а хIаллакбалург хиларх. Кхузахь коьртаниг Зеламхин тоба йелахь а, цунах йозуш йоцуш обаргийн дуккха а тобанаш йара Вербицкийна бале йевлла. Вербицкийс байъинчу а, лецначу а нехан гергарчу нахах вовшахкхетта. Цо йохийнчу, талийнчу йарташкара вовшахкхетта. Зеламхин хилча а, цкъа а Iедалца машар хир боцуш. Зеламха санна, Вербицкийх бекхам эца дуйнаца чIагIо йина, цунна тIаьхьа толлуш лелаш.

Ша тIелаьцна декхар шега кхочушдалург хиларх дог диллинчу Вербицкийс 1909-чу шеран 1-чу декабрехь областан начальнике рапорт делира, таллархойн ханна отрядан начальникан декхарех ша мукъаваккхар доьхуш. Амма и дехар цо даран коьрта бахьана кхин дара. Зеламхас ша верна кхоьруш, буса набарха вуьйлуш, хьалалелхара иза, вон гIенаш гуш.

Михеевс цуьнан дехар кхочушдира. Оцу исс баттахь Вербицкийн хилла кхиамаш а, цо дина даккхий гIуллакхаш а билгалдира омри тIехь. Цунна баркалла а олуш, иза ГIизларан отделан атаман хIоттийра. Ткъа Вербицкийн метта таллархойн ханна отрядан начальник полковник Веселовский хIоттийра.

Вербицкий таллархойн ханна отрядан начальникан даржера мукъаваларх а, кхечухьа хьаькам хIоттаварх а, иза маьрша вита ойла йацара Зеламхин. Вербицкийс операци йеш, иза вен аьтто ца белира цуьнан. Цхьа наггахь йаккхийчу операцешкахь бен дакъа ца лоцура атамана, ткъа цхьа-ши эзар салташна, гIалагIазкхашна йукъахь хуьлучу цунна тIе куьг ца кхочура. Ша Соьлжа-ГIалара БуритIа воьдуш а, йухавогIуш а, иза йоккхачу къайлехь латтадора Вербицкийс.

Мел тIаьхьаваьлла леларх, иза вен шен аьтто ца баьлча, Iедална а, халкъана а хьалха цуьнан сий дайа некъ карийра Зеламхина. Цо цIеххьана тIелатарш а деш, талабора БуритIара а, Соьлжа-ГIалара а хьолахой. Йуьхьанца Вербицкийс ша сийсазвеш йаздинчу кехатах а, Гуьмсе базарахь атамана лелийнчу акхараллех а бекхам оьцуш. Иза а, важа а гIан хилира, Вербицкийс тIаьхьа нохчийн а, гIалгIайн а йарташкахь лелийнчу акхараллица дуьстича.

Вербицкий таллархойн ханна отрядан начальник вац. Иза операцешкахь дакъалоцуш а вац. Иза нохчийн махкара дIа а ваьккхина, гIалагIазкхийн ГIизлара отделан атаман хIоттийна. Зеламхина гена ваьккхина иза. Амма иза дуьненан йисте ваьккхича а, цунах бекхам эца беза Зеламхас. Вийна, йа Iедална а, халкъана а хьалха бехвина, хIокху областера дIаэккхавайта.

Дуккха а ойла йинчул тIаьхьа Зеламхас сацам бира, Вербицкий хьаькам волччуьра, ГIизларера банк тало. Вербицкийн мера кIелхьара Зеламхас банк талийча, атаманна эхь ма ду. Нагахь санна и эхь бохург цуьнан дегIаца делахь

Шина-кхаа дийнахь ойла йира Зеламхас, и сацам кхочуш муха бийр бара-те бохуш. Эххар а ша план хIоттийча, Аюб тIекхайкхира цо.

– Вербицкий бохучу зуьде кехат йаздел, – элира цо, хьийзораш а ца йеш.

Аюба шен йозанан гIирс кечбира.

– Кхо де даьлча, со ГIизларера банк йахьа вoгIy, хьо кIилло баба йацахь, соьга иза ца йахьийта дуьхьалвала алий, йазде.

Аюба дIайаздира иза.

– КхидIа? – хаьттира цо Зеламхе.

– КхидIа хIyммa а ца йаздо. Сан цIе йилла лаха. И хьакха Соьлжа-ГIалахь ду, боху. Деналбек волчу а гIой, и кехат сихха оцу кхахьпане дIакхачаде, ала. Иштта йаздай, цхьа кехат газете дIало а, ала.

Суьйранна, и гIуллакх чекх а даьккхина, Аюб йухавирзича, иза а, Саламбек а йуьстах а ваьккхина, шен сацам а, план а цаьршинга йийцира Зеламхас.

Саламбек реза ца хилира оцу гIуллакхна.

– Цул гергахь ма йу вайна Соьлжа-ГIалара а, Буру-ГIалара а банкаш, – элира цо, жимма ойла а йина.

– Суна оьшург ахча дац, Саламбек. Цкъа-делахь, Вербицкийна со кIилло зуда йоцийла хаийта лаьа суна. ШолгIа-делахь, вай цигара банк йеача, Iедало даржах а вохийна, хIокху махкара дIаэккхор ву иза. КхозлагIа-делахь, оцу зуьдо лелийнчу къизаллашна дуьхьал шатайпа бекхам а хир бу иза.

 

Саламбека ойла йира.

– ГIизлара гена меттиг йу, Зеламха. ГIумкийн, ногIийн, гIалагIазкхийн мехкашкахула дIасадаха деза вай. Дика герз, дой долуш, масех эзар гIалагIазкхи ву некъашца. ГIизлара чохь эскар ду. Хаси-Юьртахь эскар ду. ГIумкийн, ногIийн йарташкахь пурстопаш бу, шайца дуккха а барамехь стражникаш а болуш. Хаси-Юьртахь долчу эскарал совнаха, Гуьмсе базарахь талораш дина Ардабьевскийн отряд йу. Оцу Делан мостагIашна йуккъехула дIасадахалур дуй-те вай? Тохара Месяцев йийсаре валош хилларг ма хилахьара вайна. ХIетахь иштта гена а ца даханера вай. Хьан да а, ваша а, кхин вайн кхо накъост а вийра.

– Иза шатайпа гIуллакх дара, Саламбек. ХIетахь вайна тешнабехк бинера. Орцанна тIаьхьадаьллачу эскарх кIелхьара а девлла, хIинца-м кхерам бацара вайна аьлла, паргIатдевллачу хенахь. Ткъа хIинца ас дош ло шуна, вайх цхьа стаг ца вуьйш, цхьана стагана чов-чардо ца хуьлуш, дийна, могаш-маьрша цIа дерзо. Баккъал а аьлча, Саламбек, цигахь логге кхаччалц герзашца кечбелла масех эзар гIалагIазкхий а, салтийн эскарш а ца хилча-м, тамаша а бацара ГIизларера банк йахьар. Уьш дуккха а болу дела ма лаьа суна цига ваха. Ваьш кIилло доцийла хаийта, мостагIий мел дукха белахь а, цаьргахь мел дукха ницкъ белахь а, ваьш ца кхоьрийла хаийта.

Саламбек а, Аюб а доза доцуш майра ши стаг вара. Ткъа Саламбек Зеламхел а тIех майра вара. Амма Зеламхас цхьа сацам тIеэцча, иза массо а aгIop бустий, терзанца узий, тIаккха олура цо шен дош. Иза кIиллолла дацара, иза кхерамах ларвалар, шаьш эрна хIаллакьхила цалаар дара. Шен дегIан, шен син ойла кIезиг йора Саламбека. Накъостийн ойла йора. Царна бохам хила, уьш эрна хIаллакьхила, ца лаьара цунна. Иза даим кийча вара, накъостий ларбеш, шен са дIадала.

– Дика ду, Зеламха. Хьуна луучунна реза ву тхойша. Маца доьлху вай? – хаьттира Саламбека.

– Ма-хуьллу сиха. Ас Вербицкийга, кхо де даьлча, аьлла. Цига воьдуш суна кхузткъа стаг веза. Вайн накъостех итт стаг, арахьарчарех шовзткъе итт. ХIонц йезарш дуккха а карор бу шуна. Амма царалахь уггар майранаш, собаренаш, тешаменаш, доьналленаш къастабе. Цигара деана ахча дерриг а царна дIалур ду, ала. Вай ахчанан дуьхьа ца доьлху цига, вайн Iалашо кхин йу. Бетарсолта, Жабраил, Жамаьлда, Абубакар цхьацца aгIop дIасабахийта. Резаберш шайн талламах чекхбевлча, АтагIана а, ЧIишкана а йуккъехь, некъ хьуьна чу булучу, дIабахкийта. Цигахь ас цхьацца тIеоьцур бу уьш. Царна вовшийн бовза а, цIерш хаа а ца йеза. Кхаа тобане а декъаделла, гIyp ду вай ГIизлара. Оцу кхаа тобанан коьртехь вай кхоъ хир ву. Муьлха тоба муьлхачу новкъа гIyp йу а, кхидерш а новкъа довлале дуьйцур ду вай. ХIинца, цхьа минот а эрна ца йохуьйтуш, кечам бан арадовла. Амма шаьш балочу нахе вай доьлху меттиг ма йийца. Йоккха хIонц йан доьлху аьлчахьана, тоьур ду.

Оцу тIехь барт хилира церан…

5

Оцу лаьмнашкара Орга аренга долучохь, цуьнан аьрру берда йистехь, лома кIел, йоккха йоцчу экъан тIехь Iуьллу ЧIишка. Цунна хьалха Органал дехьара лекха лаьмнаш ду, тIехьа – къеначу хьаннаша хьулйина лекха рагI йу. Малхбалехьара схьа, Органан берда йистехула, хьаннашна йуккъехула беккъа цхьа некъ бу йуьртана тIебогIуш. Оцу некъана аьтту aгIop, хьуьна йуккъерчу жимачу ирзо тIехь накъостий тIеоьцуш хиъна Ia Зеламха. Мара а, бIаьргаш а доцург, йуьхь дIакъовлуш, коьртах башлакх хьарчийна вогIура цунна тIе xIоpa а. Иштта дара Зеламхин омра. Царна вовшийн йуьхь-дуьхьал ца бовзийта, цIерш а ца хаийта. ГIизларера цIа дерззалц йаккха хIоранна а шен йоцу цIе туьллура.

Шовзткъе итт стаг схьагулвеллачул тIаьхьа, хIора тобанна йукъа шен накъостех кхоккха стаг а вохуьйтуш, кхаа тобане а бекъна, царна хьалха къамел дира Зеламхас:

– Шух хIоранца а шайцца къамел хилла цкъа хьалха сан накъостийн, тIаккха сан. Ас дагалаьцнарг кхераме гIуллакх дуйла а хаийтина шуьга. Вай гена, кхерамечу новкъа довлу. Кхерам а, Iожалла а тIехIоьттича, цхьаьнггера а орца хир дац вайна. Дерриг а йа цхьадерш хIаллакьхила а, чевнаш хилла, мостагIчун карадаха а мега. Ша Iожаллех кхоьрург, мостагIчун каравахча, собаре хила а, сатоха а доьналла а ца хилла, шен накъосташна йамартло йина, уьш мостагIчуьнга дIабуьйцу берг хIинцце, меллаша йукъара дIа а къастий, цIа гIo. Нагахь санна кIилло ваьлла йа чов хилла, мостагIчун йийсаре нисвеллачо шен накъостий дIабийцахь, уьш Iедало лецахь, бехкечух оха луьра бекхам оьцур буйла а хаалаш. Вуй шуна йуккъехь кIилло, йамарт стаг?

Цхьа а вист ца хилира. Йуха а шозза изза хаттар дира цо, амма цхьа а вист ца хилира. Ирзохь тийналла лаьттара.

– ХIинца Делан пурбанца новкъа девр ду вай. Новкъахь цигаьрка оза а, хезаш къамелаш дан а мегар дац. Герз муьлххачу минотана а кийча хилийта. Халчу киртигана говраш кхоае. Новкъахь тIекхаьчначуьнга дист ма хила. Кхераме нисделча, доха мегар дац. И кхерам дукха ца лаьтта. Эха сохьтехь сатоьхчхьана, йа вай мостагIий байъина, йа мостагIаша вай дайъина, дерриг а чекхдер ду. Новкъахь гужу йай а ма гIo. Вовшашна йукъахь пхийтта, ткъа гIулч йуьтуш, шишша-кхоккха цхьаьна хIиттий гIo. Цхьа а тIаьхьа а ма виса, йуьстах а ма вала. ГIуллакхна йуьстахвала везачо уллорчу накъосташка хаийта. Дисинарг йиллинчу меттиге вай дIагулделча, цигахь дуьйцур ду вай. БисмиллахIир-рохьманир-рохьийм! Дала аьтто бойла вайн. Пайхамараш а, эвлайааш а орцахбовлийла вайна!

Тобанаш муьлхачу некъашкахула гIyp йу, царна коьртехь лаьттачу кхаанна бен ца хоуьйтуш, къайлехь латтадора Зеламхас. Цуьнан а, Саламбекан а ши тоба цхьана хенахь новкъа йелира. Зеламхин тоба – Гуьмсехула дIа, Азамат-Юьрта уллохула Теркал дехьа а йаьлла, Саламбеканиг – Таш-Гечехула дIa. Аюбаниг – цхьа сахьт даьлча, Саламбекана тIаьхьа.

Апрель бIаьстенан хьалхара бутт белахь а, хIapa буьйса хаддаза дoгIa серсаш, цIемза а, шийла а йара. Теркаца дуькъа дохк лаьттара, ткъех гIулч хьалха боьлхурш а ца гуш. Цхьана aгIop, иза хIокхаьргахьа дара. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а xIapa меттигаш дика йевзаш хилар бахьана долуш, некъах ца туьлуш, сатоссучу хенахь ГIизларна ткъех чаккхарма гepгa кхечира Зеламхин тоба. Цигахь, Теркан аьрру агIонехь, лекхачу, луьстачу эрзаш йуккъерчу цхьана ирзохь сецира Зеламха. Цхьацца сахьт йукъадолуьйтуш, цига кхечира важа ши тоба а.

Кхузахь Iуьйра ламаз а дина, говрашна хIоъ а белла, хи а малийна, цаьрга са а доIуьйтуш, шаьш а шина-кхаа сохьтана садаIа севцира уьш. Кхача биъначул тIаьхьа Аюба, шен таьлсаш чуьра схьа а йаьхна, ДегIастанан дошлойн регулярни полкан погонаш дIайийкъира накъосташна. Уьш белшаш тIе муха лато йеза а хьийхира. Зеламхас хьалххе аьллера, шеца богIучу накъосташна тIехь бустамаш долу чоэш а, коьртахь кхакханан месала куйнаш а хила деза. Уьш массо а иштта кечвелла вара. Шовзткъе кхойттанна могIарерчу дошлойн, кхаанна вахмистран погонаш йелира Аюба. Саламбекана а, шена а сотникан погонаш йитира, Зеламхе ротмистран погонаш йелира. ХIинца, документаш ца теллича, хала дара уьш муьлш бу хаа.

БIаьрг тоьхча, резахилира Зеламха шен бIона. ТIаккха тIаьххьара дош элира цо:

– ХIинца ГIизлара доьлху вай. Цигара банк йахьа. Цига дIакхача бисинарг ткъех чаккхарма бен некъ бац. Цхьана сохьтан некъ. Аш дан дезарг Саламбекана а, Аюбана а хаьа. Бисинчара цаьршиннан омра кхочушдийр ду аш. Банкана тIедоьлху некъаш дIалоьцур ду вай. Сой, Саламбеккий, Аюббий банка чу гIyp ву. Нагахь санна вайн гIуллакх кхераме хилахь, оха герз кхоьссина хаам бийр бу шуьга. ТIаккха хIаваэ а, дIаса а герз детташ, гIовгIа йаккхий, Теркан тIай тIе йухадовла. Орца дуьхьалдаьлча, доха мегар дац, дарделла лоьмаш санна, тIелатий, ков даккхий, хьалха дIагIо. Амма вайх вийнарг а, чов хилларг а ма вита. ГIали чу пхиппа гIулч йуьтуш, кхоккха цхьаьна а хIиттина гIyp ду вай. ХIан, хIинца Делан лаамца, Делан пурбанца новкъа довлу вай!

1910-чу шеран 9-чу апрелехь дийнахь шийтта сахьт долуш, ГIизлара чу бахара уьш. Зеламхас ха дитира шаьш йухадовла дезачу а, банкана тIедогIучу а урамашкахь. Берриг а дошлой гIаш бевлира. Шен а, кхаа накъостан а говраш кийчча латто, цаьрца пхийтта стаг витира. Зеламха, Саламбек, Аюб банка чу вахара. Оцу чуьра белхалой, хIуманнах а шек а боцуш, шайн белхаш беш Iapa. ХIорш кхоъ чоьхьаваьлча а, цхьаьннан а тидам а ца хилира.

– Шаьш долчуьра меттах ма довла! Куьйгаш хьалалаца! – мохь туьйхира Аюба. ТIаккха шена банках хьаькам хир ву аьлла хетачу, бIаьргех куьзганаш долуш, дика кечвеллачу стагана тIевирзира иза. – Хьо вуй хазанча Копытко?

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37 
Рейтинг@Mail.ru