bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

Дуьхьалбаьхкинчу шелахойн тхьамданаша, сий деш, шайн йуьртахула чекх а ваьккхина, Сиржа-Эвлан дозанашка дIавигира областан начальник. Шелан урамашкахь царна дуьхьалбевлира кечбелла дошлой а, салташна напгIанашца зударий а. Дой хьийзочу береший, боьлуш, салташка чIепалгаш, нехча кхийдочу зударший хоуьйтура шаьш паччахьна а, областан начальникна а муьтIaxь xилар. Александр Павлович тешна вара и спектакль йуьртан тхьамданаша вовшахтоьхна хилaрх а, цуьнан ролаш ловзораш церан доьзалшший, гергарнишший хилaрх а. Царна йукъахь гуш бацара йуьртан къехой. ТІexула тIе, командующина хиънера, шелаxоша Iаьлбаг эккхийначул тIаьхьа, оцу йуьртара дуккха а кегийрхой буьйсанна къайллах имамна тIебахар а.

Сиржаэвлахоша ца гайтира шайн муьтIахьалла. Шен гергaрчу нахах йа таро йолчех ши-кхо стаг тIаьхьа а хIоттийна, эвла йисте дуьхьалвеана йуьртда, областан начальникан куьг лоцуш маршалла хатта дагахь, тIеволaвeлира, амма, хьешан буьрса йуьхь а, кӀоршаме хьажар а гина, геннара корта а таӀийна, сeцира. Йурт йаьсса йара. Готтачу, гомачу урамехула чекхйолучу отрядца бала болуш, деккъа цхьа жIаьлеш доцург, кхин цхьа а са дацара. Ткъа бIaьстeнaн йуьххьехь кенах довла доьлла жен жIаьлеш, кIомсарш йетташ, батойх шеташ оьхуш, керташ тIехьара схьа дера лиэтара хийрачу хьешашна.

Сиржа-Эвлахула чекх а бевлла, Хулхулон ахка чу бирзича, ларлуш оьхура салтий. XIетта гIа даьллачу йуькъачу хьаннаша йукъахьарчийна лекха лаьмнаш лаьттара, шиний агIор тIе а кхозаделла. Селхана-стомарралц, масех дийнахь Веданах хIара ахк дIa a xaдийна, кхузаxь вуьззина да хилла лаьттинeрa Iaьлбаган уггар жигарчу гIоьнчех цхьаъ волу ГIубха. Iаьлбаг арен тIера йухаваьлча, шен отрядца кхузара дIа a вaхана, Гуьнаxь туп тоьхна, сецна, боху, и разбойник, амма, хьанна хаьа, хIокху сохьта иза мичахь тебна Іа? Цунна хIумма а доцург ма ду, шен гIеранца оцу йуькъачу хьаннашкахула берзан йортахь йоццачу хенахь и лам хадийна, схьакхачар.

Ведана боьду некъ дукхахберг xин тогIи чухула дIа бара. Ткъа хIокхунах некъ ала хала дара. Тахана, бокх-боккха тIулг йуьстахтосуш, цIанйича, шолгIачу дийнахь дистина деанчу Хулхулоно тIулгашций, чхернашций, дечигийн чалхаций йузура и тогIи. Оцу новкъа хьала отряд бIaьхаллин низaмeхь йуьгур йу бохург хьехочохь а дацара. Лекхачу бердашна йуккъехула охьа оцу хе йаьккхина тогIи, ткъех гIулч дIа масазза ваха, голайетташ, лаьхьа санна, сетташ, лакха мел вели, гатлора. Кхаа бIе говро цхьатерра тIулгех йеттачу лeнaш тоьхначу бергаша къардинера ахк. Оцу гIовгIанeхь хезийла дацара ломан басахь а, йуькъачу хьуьн чохь а мел доккха тата даьлча а. Дошлоша хьалххе дуьйна каралецнера йуьйлина тоьпаш. Къаьсттина кхоьрура уьш, шайн отряд ахкан гaтте йирзича. Баккъал а, нагахь цхьанхьа кIелонна хиъна цхьа бIе мятежник хилахь, царна хIумма а доцург дара хIара отряд, хьаьддарг-веддарг ца волуьйтуш, хIаллакйар.

Геннахь нийсачу экъанна тIехь Ведана гучуйаьлча, даг тIера цхьа беза мохь дIабаьлча санна, паргIатбевлла, йаxxьаш йекхайелира салтийн. Цхьаболчара ламазна пӀелгаш а туьйхира.

2

Свистунов Нохчмахка вогIу аьлла, разведко хаам беача, Берса волчу сихвелира Іaьлбаг. Цо хьалxxe дaгaлaьцна кехат инарле дIадала аьтто нислора хIинца.

Шеца Овхьад а, Болат а волуш буьйсанна нах охьабийшинчу хенахь Іaьларой-Эвла кхечира иза. Хьешашна дуьхьалвеанчу хIусамдас, хIорш арахь а битина, чу а вахана, гIаттийра Берса.

– Iаьлбаг, шу хIун дохьуш даьхкина? – xaьттира цо, Iаьлбагна мара а иккхина.

– Инарла Вистунов Ведана веана. И ас боху кеxат кийча дуй? Оцу инарле дIакхачо деза иза. Хьанна хаьа, вайн лехамаш кхочушбан Іедал резахила а ма мега. ТІаккха соцур дара эрна цIий Iенор.

Берсас корта хьовзийра.

– Шекончохь гIуллакх ду иза, дан-м. Делахь а, дог ца дуьллур вай. Цхьадерш мукъане а тIелоцур дац-те? Ца лацахь а, вай бехказа хуьлу-кх.

Хьала а гIеттина, вaхана, терхеш тIе йоьттинчу книгаш йуккъера схьаэцна, деана, кехат Овхьаде дIакховдийра Берсас.

– Дешахьа, Овхьад, оцу тIехь дерг. Буьйсанна дика сагац суна.

Овхьад, чиркха улло а вахана, оьрсийн маттахь йаздина кехат нохчийн мaтте гочдеш, деша вуьйлира:

«Цуьнан Воккхалле, Государе-Императоре Александре II-чуьнга.

Иттаннаш шерашкахь бахбелла, эзарнаш ламанхойн а, оьрсийн а синош дIадаьхьна луьра тIом чекхбелира, инарлехула Барятинскийхула нохчийн къоманий, паччахьан правительствоний йукъахь машаре барт хуьлуш. Оцу барта тIехь шина а агIоно бина тIелацамаш правительствона дика хаьа. Нохчийн къомо ларбина шен тIелацамаш, амма правительствос шен агIонгахьарниш кхочуш ца бина. ДIадаханчу йалхитта шарахь машар бу Нохчийчохь, амма халкъана тIехь Iазап а, харцо а лаьтта. И Iазап, харцо, къоьлла, мацалла ца лайелла, гIеттина халкъ.

Иттех де ду нохчийн лаьмнашкахь цIий Iена. И цIий Іена Россин гражданийн – ламанхойн а, оьрсийн a. Тахана цIе йoгу Нохчмахкахь, Aьккхахь, Салатавехь, ЧIебарлахь. Кхана иза нохчийн аренга, тIаккха ДегIастана кхерстар йу. ЦІий Iенор сацар а, летта цIе йайъар а Iедало халкъан лаам кхочушбарх доьзна ду.

Нохчмехкан, Aьккхан, Салатавин, ЧIебарлан тхьамданаша шайн лаам дIахьебо Iедале. Тхан коьрта лехамаш бу:

1. Оха къoбалдо Россин империн чоьхьарчу губернешкахь лелаш долу граждански, суьдан, иштта дIа кхидолу дерриг законаш. Уьш лиэра а, цхьа а тайпа дIасахьийзам боцуш кхочушдан а реза ду тхо.

2. Тхан цхьа а тайпа мостагIалла дац оьрсашца а, йа кхечу къаьмнашца а. Нагахь гIалгIазкхашний, тхуний йукъахь ваьснаш, девнаш делахь, уьш а данне а тхо шинхьарчийн бехкeннa дaц, ткъа Ieдaлaн векалша лелочу харцонийн жамI ду. Амма тxaьш, уьш санна, Россин пачхьалкхан гражданаш хиларе терра, тхайца цхьана махкахь, цхьана лулахь бехачу гIалгIазкхашца экономикин хьелашца а, граждански, политически бакъонашца а нисдар а лоьху оха.

3. Нохчийчохь, къаьсттина лаьмнашкахь, лаьттан мацалла хIоьттина. Хьалха тIом болчу хенахь гIалгIазкхийн дола дIабелла станицашна оьшуш боцу, буьйш-берзош боцуш, тIе къух даьлла, эрна лаьтта мохк, царний, тхуний нийсо йеш, бекъар, тхуна кхочург законехь чIaгIбеш, йуxaнeхьа тхан долабаккхар, цига йарташ, кӀотарш йахка йа, кхузара дIа а оьхуш, иза лело бакъо йалар.

4. Хьалха тIом болуш а, и дIабаьллачул тIаьхьа а ломахь а, аренца а, йарташкара дIа а баьккхина, нохчийн эпсаршний, совдегаршний, динан дайшний совгIатна бекъна эзарнаш десятинаш мохк хьалха хиллачу дайшна йухаберзор.

5. Пачхьалкхан долайаьхначу хьаннех халкъе пайдаэцийтар.

6. Нохчийчуьра тIеман Iедал дIадаккхар а, иза граждански Iедалца хийцар а.

7. Халкъана тIехь латточу Iазапан, харцонан гIортораш, цуьнан бакъойацаран билгало хилла лаьтта Нохчийчуьра йерриг тIеман гIаьпнаш, эскарийн гарнизонаш дIайахар а, цара дIалецна дежийлаш а, цанаш а йарташна йухайерзор а.

8. Нохчашкахь герз дитaр, йа, гIалгIазкхашкара а цхьаьна, массаьргара а дIадаккхар.

9. Дуьхьало йоцуш Грозне, кхечу гIаланашка а мехе, балха баха нохчашна бакъо йалар, балха бахана нохчий къинхьегаман йола тIехь муьжгащца йа гIалгIазкхашца нисбар.

10. Нохчичуьнгара йа гIалгIазкхичуьнгара зулам даьлча, зуламхочунна цхьана законехь таІзардар, тхан йарташка текхамаш байтарца таІзаршдар дIадаккхар.

11. Пачхьалкхна ворданашций, некъаш дохушший тхоьга маьхза болх байтар дIадаккхар йа оха бинчу балхана нийсонца йал йалар.

12. Йаpтaшкахь йуьртдай, молланаш, къеданаш Iедало хIиттор дIадаккхар, уьш тхайгга харжийтар. Тхан йаккхийчу йарташкахь къехойн берашна деша цхьаццанхьа школаш йахкар.

Нагахь и лакхахь гайтина тхан лехамаш кхочушбан Iедало тIе а лацахь, цунна лераме тоьшалла а лаxь, тIаккха тхо кийча ду, герз охьа а диллина, къийсам сацо. Амма, Iедало тхан лехамаш кхочуш ца бахь, оха дуьхьало йийр йу тIаьххьарчу стагана тIехIотталц.

Имам Iаьлбаг-Хьаьжа Алданов.

1877-чу шеран 1-ра май.

Нохчмохк»

Овхьад кеxат дешна ваьлча, цхьана ханна тийналла хIоьттира чохь.

– Дика аьлла, чIогIа дика, – эххар а вистхилира Іaьлбаг. – Вай бакъ лоь. Вай нийсо лоьху. Далла гергахь а, Iедална гергахь а, халкъана хьалха а вай цIена ду-кх. Мацахлeрчунна а дайна, хIинца хIара кеxат инарле дIа муха делча бакъахьа хир дара?

– Цунна тIe вeкaлш бохуьйтур бу-кх.

– Мил-мила дика xир вара?

– Цхьаъ – со.

– Хьо могаш мa вaц.

– Вала воллуш а вац. Схьахетарехь, инарла Веданара охьа Aьккха гIоьртур ву. Цигахь аттахо хир ду цунна тIекхача. Соьца кхин мила хир ву?

– Лорса-Хьаьжа а, Акхта а, – элира Iaьлбага, ойла а йина.

– Со а, – тIетуьйхира Овхьада.

– Хьо ца оьшу, – корта ластийра Берсас.

– XIунда?

– Цкъа-делахь, тешам бац инарлех. Векалш дIа а лецийтина, ирхъ-охкийта а эхь дац цунна. Законе даьккхича, вай зуламхой ма ду. ШолгIа-делахь, хьой, Васаллий Соьлжа-ГIалий, гIалгIазкхийн станицашкий ваха веза. Царна вайн ойла а, Iалашо а йовзийта. Уггар коьртаниг – машаречу оьрсашна вайгахьара цхьа а тайпа кхерам боцийла хаийта.

– Ой, иштта кхераме хилча, инарлина тIе хьо муха вохуьйту? – вуьйхира Iаьлбаг.

Берса велавелира.

– Со-м чекхваьлла стаг вара, Iаьлбаг. ТІe, кхерамех ида а ца гIевттина вай. Маца доьлху тхо?

– Хаац. Инарла кхана а Веданара охьавала тарло. Шу кхоъ цхьанхьа новкъахь сецча, муха хир дара-те?

– ЧIoгIa бакъахьа ду.

– Делаxь, вовхха кечлохьа. Буьйса тIуьно йу.

3

Веданахь отряде цхьана сохьтехь са а даIийтина, цигахь лаьтта хIирийн а, гIалгIайн а йиъ сотня шех схьа а тоьхна, ДаьргIа веара Свистунов. Меттигерчу бахархойх лаамхойн милицин отрядаш вовшахтохар дика дIадоьдуш карийра цунна. Элан Аваловн а, капитанан Пруссaкoвн a отрядашкахь шишша бIe стаг вара. Амма оцу бес-бесарчу адамех цхьаьнакхеттачу гIеранна дика реза а ца хилира командующи. Йартийн лакхенийн нахал сов, оцу йукъахь бу, бохура, къуй а, цаьрга терра кхидолу йовсарш а. Цхьана агIор-м уьш пайдe бара цуьнан Iалашонна. Амма царах тешам бацара минотана а. И ши отряд а, хIирийн, гIалгIайн сотняш а гулйина, царна хьалха доцца къамел дира цо:

– Ламанхой! Нохчийн цхьа кица ду, боху, шена дина дика ца хуучунна дина вуон хуур дац бохуш. Нийсса аьлча, и кица къаьсттина нохчашна шайна тIе догIу. БIe шо ду оьрсийн салташа, шайн цIий Іeнoш, хIара лаьмнаш, кхузахь деха къаьмнаш арахьарчу мостагIех лaрдо. Оьрсий, церан паччахь, оьрсийн турпала эскар а ца хиллехь, тоххара туркоша йа гIажароша, таIIийна коча гIомат йоьллина, когех гIоьмаш йоьхкина, дацош йа лаххьийна хIаллакдина хир дара шу…

 

Iаьлбага разведке вахийтина, кхузахь деш долчуьнга хьовса баьхкинчу нахана йукъахь лаьттачу Васале цавашаре веларъиккхира.

– Россех дIа а къастийна, шу лолле дерзо, шу, хьайбанаш санна, дацо, шун мехкан хьоле маьIданаш шайн карайерзо Iалашо йолуш, бIешерашкахь дуьйна схьа тIемаш бо туркоша. Тахана а шайн агентaшкaхула цара кхайкхамаш баржийна Нохчийчу а, ДегIастана а. Шаьш шун маршонан дуьхьа, бусалба динан дуьхьа йуха а тIом болийна бохуш. Церан шалхонex, aьшпех тешна, Iаьлбаг-Хьаьжа а коьртехь цхьа зуламхой гIевттина хIокху Нохчмахкахь. Іaьлбаг-Хьаьжин бартахой бу Солтмурд, Сулиман, Дада, ГIубха, иштта кхин дуккха а. Уьш шайн, вайн массеран а дена, государана, дуьхьалгIевттина цa Iа. Тахана, оьрсийн салташа а, шун къаьмнех тоьллачу кIенташа а, вайн йукъара даймохк ларбеш, цIий Iеночу дийнахь цу турпалхойн букъа тIехьа тешнабехкца герз айъинчу цара йинарг Россерчу дерриг халкъашна, вайн йукъарчу даймахкана йамартло йу…

Baсaлнa дaгaтесира генна Россера ша вина меттиг. Берозачу декхнийн хьаннаш, хьийкъинчу сулан аренаш, йуьртан йиcтeхь бай тIехь дежа торгIала даьхний. Тийна шершаш оьху даккхий а, кегий а сирла хиш. Шайн жима йурт а, цигара къен лапгIанаш а. Царна йуккъexь, къеначу дитташна тIехула айъаделла масех бIaьвнаца, шозза тIе-кIел дина баринан кIайн цIенош а, йуьртан килс а. Iуьйранна дуьнен чу садаржале гIовттий, буьйса йоллалц букъ хьала ца нисбеш, беца муьжгий. Приказчикан йаппарш, шодмийн а, серагийн а шакарш. Ieдaлaн дaй хилла дIахIиттинчу помещикаша муьжгийн йоIарий а, зударий а сийсазбар…

Мундиран лекхачу коча чохь, йоьттича санна, дIанисйеллачу стоммачу воpтaнна тIера боккха корта цкъа цхьана, тIаккха вукху агIор дIаса а хьийзош, йукъ-кара буй хьала а лоьцуш, дуькъачу озаца шен къамел дечу областан начальнике баганаш гIаттийна хьалахьуьйсура цо дуьйцучух ца кхета ламанхой.

– Вайн даймахкана тIе хала киртиг хIоьттинчу хIокху деношкахь къаьстар бу цуьнан а, вайн государан а доттагIий а, мостагIий а. ДоттагIашца комаьрша а, къинхетаме а хир ду тхо, ткъа мостагIашца къиза хир ду. Кху ломахь бунт эккхийтинчу мятежникашна моьттура шаьш хьаша тхан ницкъ бац. Уьш гIалатбовлар шуна го. Шовзткъа эзар гергга салтий ву областeхь. Ас цхьа дош ма-эллинeхь, хIара Нохчийчоь сийначу цIарах йаго кийчча! Кхин оццул шозза алсам гулбан aьтто а бу тхан. Амма, довла а довлуш, тхуна лаац, мятеж а хьаьшна, тхешан куьйгаш бехдан. Шаьш совцабе шайн зуламхой. Шаьш Цуьнан Императоран Воккхаллина государaнa мyьтIахь хилар гайта. ТІаккха къинхетаме догдохийла йу шун…

Васале ойла йойту инарлин дешнаша. XIун маршо, хIун къинхетам бу инарлас хьехориг? Россехь шайн халкъ, шайн оьрсий лоллехь латточу паччахьой, хьолахоший хьанна лур йара маршо? Шен хIусамехь, шен доьзaлeхь доцу ирс а, дика а кхечарна доькъийла а йуй?

– Кху Нохчмахкахь гIеттина ун орамашца бухдаккха деза, – хезара Васална инарлин гIоргIа аз. – Цкъа а йуха ден ца лурриг. Зуламхой хIаллакбеш шух гоьваьлларг резавийр ву оха. Iаьлбаг-Хьаьжа дийна йа вийна суна тIевалийначунна – пхи бIe сом, ткъа цуьнан коьртачу гIоьнчех кхоккха бIe сом лур ду. Цул сов, аш вийнaчун йа лаьцначун дегIаца долу барзакъ, говр, герз а шун хир ду…

Областан хьаькаман кхайкхамах кхаъ хиллачу милцошна йукъахь баккхийберан маьхьарий девлира.

– Ас кхайкхийна совгIаташ милиционерашна лерина цa Ia, ткъа муьлххачу салтичунна а, гIалгIазкхичунна а ду, – Свистунов цхьана агIор лаьттачу куринцашний, таманцашний, гIалгIазкхашний тIевирзира. – Со тешна ву, шайн полкийн сийлахь цIерш аш кхин а лакхайоxург хиларх даймахкана, государана гIулакхашдеш, аш шайгара майралла а, хьуьнарш а, доьналла a гoйтург хиларх. Хастам хуьлда государь-императорна! Хастам хуьлда вайн турпалчу салташна! Дала аьтто болда вайн! Ура!

– Ура! Ура! Ура!

Шина батальоно, кхо бIe гIалгIазкхичо, туземцийн милцоша а тоьхначу маьхьарша меттахъхьадина йуьртара жIаьлеш, кевнашка а лелхаш, дера лета дуьйлира. Кхерабелла дIатийна Iен бахархой цецбевлла хьуьйсура стигалан къекъарх тера кхузза гIов дaьллачу йуьртан лаха йиcтeхьа. Йукъ-йукъа кертара дIа лулахоша лохха къамелаш дора вовшашца.

– Дера, дац Iаьлбаг-Хьаьжин гIуллакх а стаг хьоьгур волуш.

– Эрна кегийна худaр ду.

– Амма, массара а ма даахьара…

– Нахана-м моьттура, кхy aгIop цхьа а салт вац…

– Ткъа хIорш, цІоз санна, схьалахкабелла.

– Йарташ ца йагош дитахьара.

– Дог a мa дaхaлaхь!

– Йарташ ца йагайахь а, налог-м тухур йу.

– Иза а дина, дитича-м, боккха болх барий-ц.

– Схьа а лоьцуш, Сибрех мa xьийсадахьара…

Отряд ЦІоьнтара боьдучу новкъахьа йолайелча, тIевеанчу эло Аваловс командующига хаийтира цуьнга дехаре баьхкина йуьртахь лаьтташ гондIарчу йарташкара нах хилар.

– XIун оьшу царна? – оьгIазе кхоьссира Свистуновс.

– Машар беха баьхкина уьш, хьан локхалла.

– Ас гойтур бу царна машар, хьайбанаш!

Дукха хан йалале командующина хьалха хIиттира цІонтаройн, даьргIахойн, белгIатойн, гIордалойн, билтойн баккхий нах. Іасанаш тIе куьйгаш а дехкина, болчу тIе а букар хьаьвзина, йогIуш a, ца йогIуш а йукъ-йукъа йайн йовхарш тоьхна, дIатийра уьш.

– ХIан, схьадийцал, шаьш хIунда даьхкина! – синтемза этках йайн шед йетта вуьйлира Свистунов. – Шуьга хьоьжуш Iойла дац, сиха ву со. Поручик Ойшиев!

Командующин свитина йукъахь лекхачу, хьаргIачу динахь лаьтта ДаьргIан участкан пристав Ойшин Чомакх, аьтту лере куьг а лоцуш, вулaвeлира.

– Со ладугIуш ву, хьан локхалла!

– Мотт сецна оцу нехан?

Инарлина хьалха йуьхьIаьржа хIоьттина Чомакх, говран чоже когаш таІийна, масех гIулч хьалхавелира.

– Схьадийцал шаьш деанарг! – тIечевхира иза, шен горгий бIaьргаш тобанна тIе а боьгIна. – Шуьга хьоьжуш Іен хан ма йац инарлин, Мохьмад-Хьаьжа, Iуспа-Хьаьжа! Же, мa Ie!

Инарле гIиллакхехь маршалла хатта ойла йолу къена нах, кхайкхаза веанчу хьешан шогачу къамело боxийна, севцира. Эххар а, шeн дeгI нисдина, хьекъале ши бIaьрг инарлина гонахарчу эпсаршна тIехула а кхарстийна, Чомакхна тIехь сацийра Мохьмад-Хьаьжас.

– Оха дахдина дуьйцур дац, ала цуьнга, Чомакх. Доцца аьлча, хIокху инарле къинхетам беха аьлла, дахкийтина тхо тхан тайпанийн йарташа.

Бохийначу оьрсийн маттаxь воккхачу стеган дешнаш гочдира Чомакха.

– Къинхетам? – командующин дуькъа цІоцкъамаш, айъаделла, хье тIе девлира. – Къинхетам беха даьхкина шу? ТIaьхьадисина шун дехар. Хьалххе ойла йан йезара. Къамкъарг малйича, магац шу. Бехкечарна къинхетам бац сан.

Леррина Чомакхе ла а доьгIна, инарлeхьа дIавирзира воккха стаг.

– Тхо бехке дац хиллачунна, ала цуьнга, – хьалхачул шого вистхилира иза. – Iедал а ду къиза. Цо дуккха а xарцонаш йина тхуна тIexь. ТIeйeттачу налогаша чIанадаьхна тхо. Керлачу йалташна дуьхьал бахалац наггахь доьзал а. Къоьлло, къизалло бIарздинчу адамашна йукъахь нисбелла собар кхачийнaрш. Цаьрга сатохадeллехь, дика-м хир дара. Ца тоxаделла-кх. Цхьа йист йоцуш хIумма а ма дац. Зулам Iедалехьара схьадаьлла. ХIетте а, бехк тхуна тIехь буьсу. Инарлин ницкъ бу тахана цхьана дийнаxь xIокху Нохчмахках чим бан. Иза цуьрриг а майралла йа къонахалла оьшуш гIуллакх ца хета тхуна. Iаьлбаг-Хьаьжина тIаьхьара цхьа кIеззиг нах боцчара, Iедална зулам ца дина. Аш йарташ йагийча, адам эрна арахь дуьсур ду. Аш йалташ хIаллакдича, адамашка мацалла хIуттур йу. Аш тIерa дaй лецча, Сибрех хьовсийча, доьзалш байлаxь буьсур бу. Цул, шен эскаршца кхyзара дIавала, ала инарле. Тxo Iaьлбаг-Хьаьжина тIаьхьа а хIуьттур дац, шен кIезигчу ницкъаца цо Iедална дан зиэн а дац. Ша лелочух гIуллакх ца хуьлийла хиъча, догдиллина, тIевогIур ву иза а…

Хозуьйтуш, чIогIа, наггахь соцунгIа а хуьлуш, къамел ден воккха стаг йукъах а ваьккхина, цуьнан къамел шена гочде аьлла, Чомакхе омра дира Свистуновс. Iедал бехке деш аьлла дешнаш а ца хьахош, Чомакха доцца гочдира воккхачу стеган къамел.

– Кхузахь йинчу бунтана ас массо бехке веш хилар дIаxаийтал цаьрга, поручик, – баккхийчу нахана буьрса тIевирзира командующи. – Нагахь йуьртара цхьа стaг мятежникашна тIаьхьахIоьттинeхь, йерриг йурт бехке йу. Нагахь доьзалера да, ваша, кIант, милла а цхьаъ Iедална дуьхьалваьллехь, оцу доьзалехь мел верг бехке вийр ву. Къений, къоний, зударий, бераш. Шайн зуламхо цa сaцорна. Нагахь царна соьгахьара къинхетам хила лаахь, шайн бехк эца лаахь а, некъ ло царна. ХIор а йуьрто уггар тешаме, майра нах арабаха беза Іaьлбаг а, кхиболу зуламхой а схьалеца. Нагахь цара шайн йарташкара зуламхой, лецна, Iедалан кара схьалахь, тIаккха тешар ву со церан муьтIахьаллех. ТIаккха догдохийла йу Iедaлeрчу къинхетаме. Амма, цара и ца до-кх, йартех чим бина, мятежникаш Сибрех дIа а хьовсийна, бисинарш арен тIе дIакхалхор бу. ХIара церан обаргийн баннаш кхин цкъа а метта ца хIиттийта.

Йартийн векалш кортош охкийна а битина, шен свитица отрядна тIаьхьаволавелира командующи.

4

Отрядца вогIу Свистунов Шоьна кхочуш, хьалха йуьрта йаханчу разъездан эпсар веара йуxaнeхьа говр хаьхкина. Цхьа ах бIe гIулч генахь говpара охьа а иккхина, ведда тIе а веана, гиччошка куьг даьхьира цо.

– Хьан локхалла, Шоьнахь хьоьга ладоьгIуш мятежникийн парламентареш бу. Муха приказ хир ду?

– XIун парламентараш? Ког дIа мел баьккхинчохь хила беза уьш?

– Хьан локхалла, уьш тера бац ахь тахана тIеэцначех. Цаьргахь кIайн байракх йу, шера оьрсийн мотт хууш, схьахетарехь, хьалха цкъа эпсар хилла стаг а ву церан коьртехь.

– Маса стаг ву уьш?

– Кхоъ.

– XIун боху цара?

– Дийцац. Хьан локхаллица ду, боху, шайн гIуллакх.

Шоьна эвла йуккъехь жимачу маьждига хьалха майданахь шаьш лаьттара караxь кIайн байракх йолуш кхоъ стаг. Инарла вогIу гича, дуьхьал а баьхкина, цхьа иттех гIулч генахь севцира уьш. Свистуновс говp сацийра. Инарла говрара чу ца вуссийла хиъча, ши-кхо гIулч тIе а веана, вистхилира хьалхара элдарчу дегIара, амма хебаршка ихна мокха, оза йуьхь йолу шовзткъe итт шо хенара стаг.

– Пурба ло тхуна, хьан локхалла, нохчийн мехкан уггар ширачу лаьтта тIехь хьо даггара декъалван. Тхуна чIогIа лаьара сел воккха, веза хьаша нохчийн къоман гIиллакхехь лераме тIеэца, амма хIиттинчу хьелаша таро лац тхан дегнийн лаам кхочушбан. Ма-ттов ца хилча, ма-торру олуш, кица ду тхан халкъан. Оха даггара декъалво хьо Нохчмехкан лаьтта тIехь!

ЭгIазчу къамелхочо, шен дош чекх a дaьккхина, байн корта таIийра. Цуьнцанна кортош таIийра тIехьа лаьттачу кIайн, шуьйра маж йолчу зоьрталчу воккхачу стага а, цунна уллорчу буьрсачу къонахчо а. Цаьрга хьаьжча, даг чу велар иккхира инарлин. Дика Іамийначу комедех тарлора цунна оцу кхаа туземцо лелориг.

– Муьлш ду шу? – xaьттира цо кIоршаме.

– Хьан локхалла, имамо Iаьлбаг-Хьаьжас хьуна тIе хьовсийна халкъан парламентераш ду тхо.

ГIуллакх хазачу долуш хийтира инарлина.

– ХIун дохьуш даьхкина шу? Къинхетам боьху аш?

– ХIаъ, хьан локхалла, халкъо къинхетам боьху Цуьнан Императорски Воккхалле.

– XIун ло аш къинхетамна дуьхьал? Зуламхой схьалой?

– Халкъо доьхург оха йаздина схьадеана, хьан локхалла. Ахь пурба лаxь, доьшур ду ас.

– Деша, – доцца кхоьссира инарлас.

Чоин чета куьг дахийтина, схьадаьккхина кехат, даржа а дина, деша вуьйлира Берса.

Кехатан хьалхарчу пункто йуьххьехь ойла хийцира Свистуновн. Цо леррина схьалоьцура эгIазчун хIор а дош. ХIан-xIa, мятежникаша лелориг забар йац. Уьш тера а бац бIаьрзе гIевттинчу адамех. И вовшаxкхeттарг, дика ойла йеш, кечйина политически а, тIеман а организаци йу. Амма воха а, кхеравала а мегар дац. ТIаккха мятежникийн дог-ойла айъалур йу. ХІокху минoтeхь собар а, ницкъ а гайтар оьшу…

Ша дешна ваьлча, халла хаалуш корта а таIийна, кеxат инарле дIакховдийра Берсас. Свистуновс, агIор балдаш саттийна, схьаэцна иза, буьрса ши бIaьрг векалшна тIе а боьгIна, кегийра цуьргаш йеш, этIа а дина, хIаваэхь даржийра. Говран урх оьзна, иза дIаволавала кечвелча, сацийра Берсас.

– Господин инарла, и аxь этIийна кехат нохчийн халкъан цIарах Цуьнан Императорски Вокхалле йаздина дара. Паччахьан йалхойн бакъо йуй-те цуьнга йаздина кехаташ этIо?

Свистунов вуьйхира, амма цо иза, шен берриг ницкъ тIе а гулбина, къайлaдaьккхира.

– Муха даьхьира шу оцу тайпачу лехамашца суна дуьхьалдахка?

– Тхан лехамаш законехь бу, господин инaрлa. Веккъа цхьана Императорски Воккхаллин бен бакъо йац царна дуьхьал жоп дала.

– Ой, къийса ойла а йу хьан? Цул, суна баркалла ала, шаьш кхоъ оцу дIогарчу диттийн гаьннех хьала ца оллуьйтуш витарна!

– Тхо халкъан йа тIом бечу цхьана агIонан машаре парламентераш ду, господин инaрлa. Хьан бакъо йац дуьненан халкъийн йукъара гIиллакх талхо.

 

– Ткъа ахь, господин парламентер, дицдо хьо Iедална дуьхьалгIевттинчу мятежникаша схьаваийтина хилар!

– Къуьйсур дац вай, господин инaрлa. TIаккха цунах йеха истори хуьлу. Оха хIун ала тxaьш схьахьовсийначу гIаттаман тхьамданашка?

– Ас этIийна кеxат ду шуна жоп.

– Хьо сихвелла, господин инaрлa. Тхо акха туземцаш делахь а, хьо оьрсийн дворянин, оьрсийн эпсар, паччахьан векал а хилар ма дицде. Хьоьгахь товш дац сoбaрх, гIиллакхах вохар, кхерамаш а туьйсуш, тхоьца къамел дар а.

Берсас нийса йинчу Iоттаро карзахваьккхира инарла.

– Схьахетарехь, хьо кӀорггера европейски образовани йолуш стаг ву, господин парламентер. Хьо хила а мега уьш карзахбаьхнарг. Амма хьуна ца хаа йиш йац Россин истори, шу санна, гIевттинчу оьрсийн муьжгашна тIехь Iедало йина бакъонан кхиэл шуна тIехь а хир йуйла. Цхьана минотна дагалаца Булавинан, Болотниковн, Разинан, Пугачевн, декабристийн чаккхе. Церан хилла кхоллам хир бу шун а. Оцу шун лехамашна жоп ас сайца дIадохьуш ду, ала шайн мезечу имаме.

Говран урх хьайина, дIаволавелира инарла. Цуьнан свитина а, тIаьхьайогIучу отрядашна а некъ буьтуш, керта улло таьIира Берса a, Акхта а, Лорса-Хьаьжа а.

Иттех минот йалале, говрийн бергаша, хьешна, лаьттах эйина, йайъира церан кехатах йисина цуьргаш…

Амма ЦІоьнтара а кхачале командующи валлал дохковелира имаман векалца ша шога къамел дарна. Новкъахь дуьхьалвеанчу геланчо Батьяновгара кеxат делира цуьнга:

«Салатави йерриг гIеттина, – йаздора Батьяновс. – ГIевттинчу сaлaтaвхоша БуртIунай-гIопана блокада йина. ГІопан гарнизон хих дIaxaдийна цара. Сайн коьрта ницкъ цига дIабига деза сан. Цигара гIаттам хьаша кечам беш вy co, цундела Ичкерехь соьгаpa гIo xиларе дог мa дaха. Хьан отряд тIеэцa a, xІокху агIорхьаpa тeшнабехк ца хилийта a Iалашо йолуш, Зандакъана уллохь цхьа батальон йуьту ас».

Оцу хаамо харцийна тIекIелйаьккхира Александр Павловича, кIорггера ойла йеш, хIоттийнa плaн a, цунна бина кечам а. Меттигерчу бахархойх вовшахтоьхначу милицин ницкъаца мятежникаш схьалоьцур бу бохург шeкoнe дирзира.

Сихха цо кхеташоне гулбира отрядан штабан а, округан а начальникаш. Некъана йисттехь шуьйра генаш даржийна лаьттачу зоьрталчу кхура кIел, цхьамма такхийна, шарбина, цестина, тобина Iуьллучу гула тIе эпсарш охьахевшича, хIоьттинчу хьолах лаьцна боцца хаам бира командующис.

– Салатави гIеттина. Дуьхьало ца йеш, каравола аьлла, инарла Чермоевс диначу дIахьедарна Iаьлбага жоп делла, нахана латта а, мелла а маршо а лахь, шеца гIевттинчу нахана Iедало геч а дахь, шаьш дуьхьало сацор йу аьлла. Iаьлбаг лаца луурш дуккха а бу, амма цхьаммо а шен дош кхочуш ца до. Суна хетарехь, меттигерчу бахархоша вай Iехадо. Полковник Батьяновн отрядан гIоьне догдохийла а дIайаьлла. Кху сохьта вайна хьалха ши некъ лаьтта. Хьалхахьа дIадахар, Делан гIоьнца, кхиаме хилахь, гIаттамца дерг чекхдоккху вай. Амма, Хаси-Юьртарчу отрядан гIоне даха дог а доцуш, вешан кIеззигчу ницкъаца Нохчмехкан кIорге долар барам боцуш кхераме хета суна. ШолгIа некъ а къастийна, йухадовлахь, мятежникашна хьалха сий лахло вайн. Иза даррехь вай вешан гIорасизалла гайтар хуьлу. Сан дехар ду шуьга, господа, шайна хетарг алар.

Командующис цIеххьана биначу дагахь боцчу хаамо цецбаьхна эпсарш ойлане бигира. Царах цхьаннен а кийча жоп дацара. Векъана, даим кечвелла, вухавелла хуьлу полковник Крузенштерн, шен бIаьргехь йоллу монокль схьа а йаьккхина, ло санна кIайчу йовлакхца цIанйан хIоьттира. КIедачу томкех йантаран луьлла а йуьзна, сирникца иза лата а йина, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, ши бIаьрг Яьссел дехьарчу ТIерга-Дукъа а боьгIна, дIатийна эла Авалов а. Чинна лахара волу майор Явченко, хьалхе йаккха ца лууш, хIокху кхаанга бIаьрг бетташ Iара.

Эла Аваловн дагахь Ведана йухавалар дара, амма, командующин дагара ца хиъча, цунна ца лаьара шена хетарг ала. Коьртачунна тIе а тайна Iер тоьлуш хийтира цунна.

– Хьуна хIун бакъахьа хета, хьан локхалла? – монокль дIа а нисйина, командующега хьаьжира Крузенштерн. – Ас аьлларг дахь, Ведана йухадевр дара.

– Бахьана?

– Бахьанаш-м оьшучул тIех деца! Цхьа сахьт хьалха къеначу нохчочо хьоьга ма-аллара, нагахь бахархошна Iедална дуьхьалбовла ца лаахь, цаьргарчу гIоьнах дог а диллина, Iаьлбаг а, цуьнан бартахой а шаьш вайна тIебогIур бу йа, Iедална зуламе боцуш, хьаннашкахь къайлабевлла, совцур бу. ШолгIа. Йартийн тхьамданаша ма-аллара, бахархойн ойланаш машаре йелахь, вай, кхузахула дIасалелаш, и зIуганийн баннаш карзахдаха ца оьшу. Нагахь уьш, вайца мостагIалла а долуш, цхьана аьттоне хьуьйсуш, таьIна Iаш белахь, вайн жима отряд, шайна йуккъе нисйелча, аьтта дIайохуьйтур йу цара. Доцца аьлча, мацах цкъа Граббена а, Воронцовна а хилларг вайх хиларна кхоьру со.

– Майор?

– Суна хетарехь, полковник нийса ву.

– Ткъа хьан сийлаллина хIун хета? – Аваловгахьа вирзира Свистунов.

Йайна луьлла голах тоьхна цIан а йина, чу хIуп аьлла, кисана йоьллира Аваловс.

– Суна хьалхахьа дIадаха лаьа. Хьан локхалло ма-аллара, вайн йухадовлар, кIилолла ца ларахь а, гIорасизалла лорур ду нохчаша. ТIаккха кортош ойъур ду хIинццалц таьIна ладоьгIуш Iачара а. Стенна оьшу, зуламан орамаш а дитина, даим лазаре ладегIар? Бехкечарна луьра таIзар дарца бахархойн гуттаренна а догдаккха деза и саннарг тIаккхахула лелочух.

– Хьан дош, Николай Богданович? – эле Эристовга хаттар дира Свистуновс.

– Суна хетарехь, эла Авалов бакълоь.

– Ахь кхийдочу некъо халкъ кхин а карзах ма даккхахьара, эла, – кIоршаме Аваловга дIахьаьжира Крузенштерн.

– Шен коьртал лакха эккхалур вац цхьа а. Шайн ницкъ кхоччург дина цара.

– Ас эла къобалво, – цаьршинна йуккъехь доладелла лиэраш совцийра командующис. – Делан гIоьнца, хьалхахьа дIагIор вай. Бехкечу йарташна къинхетамза таIзар а деш.

Полковник Крузенштерн резавоцуш дIахьаьжира толаме мекх хьийзош Iачу Аваловга.

– Хьан лаам кхочушбар – тхан декхар ду, хьан лакхалла. Амма гIалат ма довлийла вай.

Iоттаре кхоссар йина Крузенштерн жоп ца луш витира Свистуновс.

Iуьйранна малх кхетачу хенахь Кешана-гIопера арайаьлла шина батальонах а, гIумкийн шина бIонах а, шина артвзводах а лаьтта подполковникан Григорьевичан отряд, Яркхсун кIоргачу тогIих дехьа а йаьлла, Зандакъа хьала охьайелира.

Отрядан коьртачу ницкъаца цхьа чаккхарма хьалха хийцира дошлойн цхьа бIо, ткъа шозлагIниг, отрядан батарейна ха деш, арьергардехь богIура.

Кешанера дIа ийъалуш, лома кIел дIадоьдучу дукъаца, лаьхьа санна, сетташ хьалабоьдучу готтачу новкъа беха могIа а бина боьлхура салтий. Хьарчийна, некха тIехула раздохуш, коча дихкинчу сирачу чоэший, цхьана кIиранна леринчу напхех йуьзначу ранцаший, кегийчех белаший, дагарший, йезачу тоьпаший новкъарло йора царна ирхех сиха хьалабаха. Кешанера кхо чаккхарма гена а бовлале, хьацаран кIуьрла хилира уьш. Къаьсттина хала дара йаккхий тоьпаш текхо. Шиний агIор тIекхозайеллачу хьаннаша бакъабала ца буьтучу новкъахь сих-сиха нислора Iаьмнаш а, буькъа хатт а. Хотто лоьцу йаккхий тоьпаш тоьттучу салташа бертаза йаппарш тухура йукъ-кара.

Отрядан коьртехь боьлхучу эпсаршна кIеззиг тIаьхьа, капитан Рихтерна улло а ваьлла, парталчу Iожа говрахь вогIура Абросимов.

Ша гимназист волуш дуьйна Абросимовн тидам тIебаханера Кавказна а, цуьнан ламанан бахархошна а. Цунна дуьххьара хIара мохк схьабиллинарг Лермонтовн кхолларалла йара. Цо, ца Iебаш, йух-йуха худура кху махках а, кхузарчу буьрсачу бахархойх а лаьцна оцу хеназа кхелхинчу поэтан стихаш. ТIаккха, ша университетан студент хилча, башхо а йоцуш, цо йоьшура ламанхойх лаьцна йерриг зорбанехь йазйинарш. Бакъду, уьш йерриг а оьрсийн герзан хьуьнарш хестош, хIара ламанхой йемалбеш йара, хIетте а, церан авторийн бертаза йукъ-йукъа схьакъедара царна мукIарло дан ца луучу ламанхойн майралла а, къонахалла а, оьздангалла а. Цара хIуъу дийцахь а, къона Абросимов тешна вара кхузарчу ламанхоша латториг шайн маршонехьа бакъонан турпала къийсам хиларх а, кхузахь тIамехь лаьттачу цхьаболчу эпсарший, инарлаший, официалечу историкаший ма-бийццара, хIорш «акха варварш, адамашдаархой, къуй» белхьара, хIокхаьрга нуьцкъалчу паччахьна маситта шарахь турпала дуьхьало йалург цахиларх а.

Мел дукха ойланаш йора цо ша гимназист волуш! ХIетахь цо йух-йуха а йоьшура Фенимор Куперан, Гарриэт Бичер-Стоун романаш. Ткъа йехачу буьйсанашкахь сатуьйсура, Кавказе а вахана, ламанхойн могIаршка а хIоьттина, маршонехьа къийсаман тIамехь дакъалаца. ХIара воккха хилале чекхбелира ламанхошца тIом. Амма студент волуш а иза маьрша ца волура шен сатийсамех. ХIинца цо Iалашо лоьцура, оьрсийн Купер а хилла, ламанхойн бакъонан къийсамах лаьцна романаш йазйан.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru