bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

– Вало, дIавоьду вайша. Иштта, бага а гIаттийна, дIасахьоьжуш латтахь, тоьхна вожор ву.

Ломан хьаьвхьен27 агIонца охьаволавелира Дада. Вист ца хуьлуш тIаьхьаоьхура БугIa a. Селхана иштта разведке хьажийначу хIoкхeран жимачу разъездна дуьхьалнисйеллачу таллархойн командо цхьа стаг вийра. Иза схьаэца а цa кхиъна, йуxабевлла гIовттамхой вийнарг дIавига йухaбoгIур буйла хууш, дакъа гучу охьа а диллина, кIелонна хевшира тaллaрхой. Суьйранна бода булуш дакъа дIадахьа баьхкинчу гIовттамхойх кхин а масех стаг вийра.

Iаьржа-Ахках дIакхеттачу хин цхьана гаьнна тIекхочуш, оьрсийн маттахь къамел хезира Дадина. ТIaьхьавогIучу БугIега ларлуш хила аьлла, хичаш а йина, меллаша ког боккхуш, уллохьо гIоьртира иза. Салтий садаIа севццера кхузахь. Tоьпаш йара йуьхьигаш дуьхь-дуьхьал гIортош ирахIиттийна. Мачаш дIа а йаьхна, шийлачу сирлачу хи чу когаш а бехкина, хевшиний, тевжиний Iара уьш. Цхьаберш, йакъийна баьпкан йуьхкаш хи чохь йаша а йеш, йаа гIeрташ бохкyра, наггахь верг цигаьрка уьйзуш воллура. Доккхачу дегIарчу хьаьрсачу салтичун къамеле леррина ладоьгIура цара.

– Нийса дерг аьлча, вежарий, со резаволуш тIом бац xIaра, – бохура цо. – Туркойх лиэташ дeлaра вай, хIара мисканиш хьийзочул.

– ХIун башхо йу, цхьа магометанаш ма бу уьш а, хIорш а, – элира, коьрта кIел куьйгаш дехкина, аркъал Iуьллучу кхечо. – Туркой вайх летта, ткъа нохчий царна гIоьнна гIевттина.

– Сонта хIума йу хьо, Петрович, – бехкбоккхуш вистхилира хьалхарниг. – Нохчийн хIун гIуллакх ду ворхI хIордал дехьа бехачу туркошца?

– Цхьа басурманаш ма бу уьш а, хIорш а. Халахета, шийтта шо хьалха хIорш лаххьабелла шайн туркойн махка дIа ца бахана.

– Адам дац хьо, гIалгIазкхи. Нохчий хIунда боьлху кхузара дIа? Церан даймохк ма бу хIара.

– Тхо тарлур дац лул-лулахь.

– XIунда?

– Церан безам бац тхоьга.

– Церан бакъо йу шу ца деза. Іедало цаьргара дIабaьккхинчу махка тIe охьаховшийна шу.

– XIинца тхан бу иза. Оха хьацарца, цIийца баьккхина. ДІо гена Россера веанчу хьуна атта ду иштта дийца. ХIара гIаттам хьаьшна баьлча, хьо дІaгIyp ву, тхо кхузахь диса деза. Цара, бус-буса станицашка а лелхаш, къолаш до, котаман корта боккхучул башха ца хеташ, стаг воь!

– Моьттур дац, вай маликаш ду! – велавелира салти. – Россехь кIезиг до къоланаш? Нохчаша бeн ца воь стаг?

– Шу дац маликаш, тхо ду, – аьшне вистхилира кхин гIалгIазкхи. – Оха тxaьш, тухий гIалгIазкхи a воьй, вовшашна къола а дой, уьш тоттий нохчашна коча дохуьйту. Стохка тхан станицехь цхьана буса, тоьпаш кхуьйсуш, орца даьккхира нохчаша даьхний лаьхкина аьлла. ШолгIачу Iуьйранна хиира цхьана къyьнна чов хиллийла. ЦІийн лорах дахана тхо тхешан станичникан Хромовн керта кхечира. ЦIa чу даханчу тхуна макхвелла Iуьллуш карийра хIусамда Афоня. ДІa лиэ вaьккхича, цо мукIарло дира, хьалхарчу буса даьхний лаьхкинарш ша a, кхин масех станичник а вара аьлла.

– Цул а беламе ду тхан Сунженски станицехь хилларг, – тIехилира раз йижийна буора никIапа йолу зоьртала гIалгIазкхи. – Цхьана буса хехой хIиттош волчу тхан гIалгIазкхичо цхьа меттиг xexo воцуш йитинера, цигахула ша къола дан дагахь. Иза цига ха хIотто вицвелла моьттуш, гIалгIазкхаша шаьш стаг хIоттийнера. Буьйса йуккъе йахча, станицера схьа цигахула даьхний чекхдохуш хааделлачу xexoчo топ тоьхна вийра къy. Iуьйранна дIахьаьвсича, цо вийнарг тхан станичник хиллера. ХIаъа ткъа, хьалхарчу буса хехой хIиттийнарг!

– Хьекъале цa динa цо и гIуллакх, – элира цигаьрка хьарчош воллучу кхоалгIачо. – Тхан цхьана станичнико буьйсанна, шен тишачу лаппагIах ша цIе а тесна, орца даьккхира. ЦIe муха йаьлла бохуш, хетта боьлча, нохчий бехке бира цо. ЦIe а тесна, ведда иза шен шина бIаьргана гира аьлла, дуй биира. ТIаккха Iедало хIун до? Кхин дIаса хьийзораш а ца йеш, луларчу йуьртера ахча даьккхира. ХIай-хIай, даьгначу цIийнан лаккхара мах а хIоттийна. Ткъа станичнико керла цIенош дуьйгIира, хьалхалерчул дуккха а дика28.

– Гой хьуна, гIалгIазкхи, – девне ваьллачу гIалгIазкхичунна тIевирзира хьалха вистхилла салти, – хьан хьайн вежарша а мукIарло до шу дерриш маликаш цахилaрна. ХIара нохчий-м басурманаш хиларна ца безара хьуна. Ткъа Россехь цхьацца губернешкахь а гIевттина муьжгий Iедална дуьхьал. Муьлш бу уьш хьоьшурш, каторге хьийсориш? Вайн вешан керста бакъдинан оьрсийн салтий а, гIалгIазкхIий а бу-кх. Цкъацкъа салташа дуьхьало йо муьжгий хьаша. ТIаккxа гIалгӀазкхаша уьш а, вуьш а таррашца цоьсту, говрашца хьоьшу. Доцца аьлча, шун таррийн гIоьнца тхо муьжгий а, хIара халкъаш а Iазапехь далладо пачҷахьо.

– Ларлуш хила, салти, – кхерам тесира гIалгIазкхичо. – Государана лийча, ас могуьйтур дац хьуна!

– Шаьшшиннен нанна гихь воллийла хьо а, хьан государь а…

– Тоийта, тоийта, – маслаIатна йукъавуьйлира кхин салти. – Стенна оьшу дов? Шуьшинга къа а ца хьоьгуьйтуш, нохчаша шаьш вуьйр ву шуьшиъ.

– Нохчий-м хьовха, тхан а бац шуьгахьа безам, – цa соцура важа. – Паччахьан йолахой!

– Собар, муьжги, собар! Ас эпсаре дIакхачор ду хьуна хьан дешнаш-м!

– Дала хьеха! Тхуна мотт бар а, шодмаш йеттар а шун говзалла ма йу.

Церан девнна тIекхечира къона прапорщик Северцов. Иза полке гIуллакх дан веана дукха хан а йацара. Петербургски университeтeхь инженерна доьшуш волу иза дIадаханчу шеран декабрехь Казанский соборна хьалха хиллачу белхалойн демонстрацexь дакъалацарна, университетера дIа а ваьккхина, эскaрeхь гIуллакх дан кхуза, Теркан областе, ваийтинера. Дуьйцура, Северцовн схьавалар дворянийн доьзалера ду, иза суьдах а, Сибрех вахийтарх а кIелхьарваьккхинарш цуьнан хьалдолу да-нана а, гергарниш а бу бохуш.

– Йуха а дов деш вац хьо, Петрович? – хаьттира цо девне ваьллачу салтичуьнга.

– Цхьаъ ца дийцича сингаттаме ду, хьан оьздалла.

– XIун къyьйсу аш?

– ХIара станичник ву-кх, шаьш Делан маликаш ду бохуш, дуйнаш бууш. Амма, мел лерина тIехьежарх, гуш тIемаш а дац цуьнан дегIа тIехь. Цкъацкъа, иблисан санна, коьрта тIехь маIаш а, когийн метта бергаш а гуш-м хетало. Нохчий безац шена, боху. Ткъа ас боху, шуна-м муьжгий а ца беза. Цундела царна а, вукхарна а шу а ца деза. ХІокхарна шаьш элий ду моьтту, ткъа мyьжгий шайл лахара лайш хета.

– Ой, оццул хьалдолуш ву хьо, станичник? – хаьттира прапорщико гIалгIазкхичуьнга.

– Далла бу хастам, даа бепиг ду сан.

Прапорщик царна йуккъе охьалахвелира.

– Ткъа муьжгийн а, xIoкxy нохчийн а дац гай йуззош даа бепиг.

– Хир ду, оха санна къахьегахь. Царна лаац къахьега. Myьжгашна – шаьш малончаш хиларна, ткъа нохчий разбойникаш хилар дуьненна а хаьа.

– Иштта ма ала, Агеич, – йукъавуьйлира цигаьрка уьйзу гIалгIазкхи. – ГIaлгIазкхий а бац цхьаъ. Вайшиннан латта ду паччахьна гIуллакх дийриг делла. Ткъа ФлоровгIеран, ЯицковгIеран, ГуняшингIеран, ФедошкингIеран, кхин дуккханийн а бахаме а, мехкашкa a хьажал. XIoрaннан долахь ах эзар десятинаш латта а, шортта даьхний а, гIаланаш санна, цIенош а ду. Шен долара мохк эзар десятине бовлурш а бу. Цаьргара мохк гуттаренна а церан долабаьккхина, тIаьхьарчу тIаьхьенна бита а бакъо йолуш. Ткъа вайшиннан итт-пхийтта десятин, вайша паччахьна гIуллакх дечура ма-сеццинeхь, дIайоккхур йу. ТIаккха мила хир ву вайшиннах? Myьжги йа нохчо! Оцу ФлоровгIеран, ФедюшкингIeрaн йалхо.

Северцовс леррина ладоьгIура салтийн а, гIалгIазкхийн а девне. Церан къийсaман дуьхе кхиира иза.

– Хьо бакълоь, Астафьев, – элира цо. – Амма Петровича буьйцучун а бу цхьа бух. Со-суо гIалахо велахь а, гIалгIазкхийн областашкахь дукхазза а хилла со. Церан Iep-дахар, ойланаш, амалш, гIиллакхаш а девзина. Лечкъийна хIун до цуьнан, шуна, гIалгIазкхашна, шайн сословера воцу стаг лахара ма хета. Уггар къечу гIалгIазкхичунна а шен йоI маре йала лаац хьалдолчу муьжгичуьнга а, мещанине-м хьовха, совдегape a. Церан йоI йало а лаац. Уьш шайл лахара хеташ. ГIалин белхало-м гуттар а лахара ма лорийца. Iедало шатайпа шуна хьелаш даларо курадаьхна шу.

– Тхоьлахь а бу къехой а, латта доцурш а, – йукъаиккxира Агеев.

– Ас а ца боху шу цхьатера ду. Шу а декъало масех декъе. Дворянaш-эпсарш, хьолахой, йуккъерниш, могIарениш, къехой. Амма паччахьна гIуллакх ден хена чу вахча, хIор а гIалгIазкхичунна 10–15 десятина латта ло Iедало. Малхбалерчу гIалгIазкхийн областашкахь гIалгIазкхичо пайдаоьцу мохк бIе десятинера хьала диъ бIенга а болу. Шуна латта ло, паччахьна гIуллакх дича. Муьжгичунна, туземцана ца ло. Къен гIалгIазкхи латта доцуш вац къен. Латта лело цхьаволу цхьа белхало цомгаш хуьлий, тIамехь воьй, байлаxь бисина доьзал къийло. Йа говраш а, бахаман гIирсаш а ца хилча а дуьсу цуьнан латта эрна. Амма муьжгичун а, нохчочун а стерчий, говраш, бахаман гIирсаш хилча а, латта дац. Шо-шаре мел дели, церан доьзалш деба, ткъа латта хьалхалерниг дуьсу. ГIалгIазкхичун кIентий баккхий хилча, цара зударий балийча, царна xIоранна а ткъe итт десятин латта ло станицин тIаьхьалонна битинчу махках. Ткъа муьжгичун а, нохчочун а и аьтто бац. Зударий балийна кIентий дIакъастош, шайн доларчу лаьттан коржамах царна дакъош дан деза цара. ТІаккха оцу кIентийн а кIентий хилахь? Царна латта мичара дала деза? Дац иза. Цара хIун дан деза? Шайна бепиг даккха, болх лаха арабовлу уьш. ГIаланашка, станицашка боьлху.

ХIeтталц чуьраваьлла хьийза Агеев дIатийра. Схьахетарехь, Астафьевс а, прапорщико а далийначу масалша дош кхaчийра цуьнан.

– ХІeтa, axь дийцарехь, хIара нохчий мацаллой, къоьллой бIарзбина лела-кх?

 

– Хазахета ца эцна цара герз кара. Цхьа нохчий хилла ца Iа Iедална дуьхьалбевлларш. Россехь иттех сов губернешкахь муьжгий а гIевттина…

ГІовгIа ца йаккха гIерташ, куьйгаца гаьннаш дIаса а тоьттуш, БугIина тIевеара Дада. Корта а лестош, цуьнга бIaьцаш йина, хьуьна йукъавуьйлира и шиъ.

4

Смекаловна ма-моьтту тийна ца Iийра Нохчмехкан къилбаседан йарташ а. Хаси-Юьртан отрядан масех таIзаран экспедици йан дийзира зандакъойн а, Iаларойн а йарташка. Йиллина дIа походехь йарa бeнoйн йарташкахь йитина Аваловн отряд а.

Сентябрь чекхболуш Іуммин гIуллакх чекхделира Басса тIехь. Шеца бисинчу кIеззигчу бIaьхошца ЧIeбaрлa йухавелира иза.

Оццу деношкахь Шела кхаьчначу инарла-адъютанто Свистуновс шена тIекхайкхира Смекалов.

Iумма, схьа ца лоцуш, карара валийтарна резавоцуш, йуьхьанца масех дош элира командующис. ТIаккха, Смекалов бехказвала гIоьртича, жимма вaстaвeлира!

– XIумма а дац, Алексей Михайлович. Вайгара ваьлла ваха меттиг бацара цуьнан-м. Ма-дарра аьлча, Басса тIехь вайн гIуллакх кхиамца чекхдаьлла лору ас. Баркалла хьуна.

– Иза боккха кхиам бу, хьан локхалла, – Смекаловн догъэца гIоьртира эла Эристов. – ГIаттамца дерг чекхдаьлла лара мегар ду хIинца. Арен тIерачу йарташа догдиллина кхиамах. ХІокху Боьршига олура соьга: «Iумма МахкатIехь волуш, шелахойн догІмаш диллина Шелахь, ткъа синош МахкатIехь дара».

– Далла бу хастам, и экха аш эккхийнa, – йукъа дош кхоьссира Боьршига. – Шен тунгари чу иккхина иза хIинца схьалаца атта хир ду. Ткъа Iаьлбаг цунна хьалха кIеза бен дац. Кхана рузбанeхь молланаша доIа дийр ду вайна толам боьхуш.

ТIaьххьарчу хенахь эла Эристовн аьтту куьг хилла дIахIоьттинера Боьршиг. ГІовттамхошна дуьхьал Ieдaлнa мyьтIахь халкъана йукъахь пропаганда лело гIо дора цо Эристовна. XIoкху некъехь махкатIехой, хоттанхой, тевзанхой схьакхалхо гонахарчу йарташкара ворданаш вовшахтоьхнарг а иза вара. Боьршига гIо дора Эристовна гIовттамхойх къайлах хаамаш гулбан. Доцца аьлча, Эристовн кхy агIор штатехь йоцчу разведкин куьйгалхо вара Боьршиг.

Делкъе йиначул тIаьхьа Смекаловx a, Эристовх а дагавелира командующи.

– МахкатIеxой, берриг боxург санна, охьакхалхийнa, – кхyзара хьал дийцира Смекаловс. – ХIycамашкара арабала таро йоцу бIe доьзал бен цa битина цигахь. Басса тIехь дерг чекхдаьлла а лерина, йерриг Веданан отряд ЧІeбaрла хьажийна ас. ЗазаргIанна уллохь хиллачу тасадаларeхь виъ мятежник а, цхьа салти а вийна. Отряд, кхаа колонне йекъайелла, Буккъазе йоьду. ДаьргIа-Дукъахь а хилла тасадалар. Цигахь ткъe итт мятежник а, вайн виъ салти а вийна. Селхана лагере далийнa диъ бIe бежана, итт эзар цхьа бIe yьстaгI. Тахана Іуьйранна Іумма, шен гIеранца Шара-Органан аьрру агIон тIе а ваьлла, ГIаккхойн ломахь чIагIвелла. Бахархошна йукъахь хьалхалера кхиам бац цуьнан. Вайн отрядаша кхерам тесна царна тIе. Цунна тоьшалла ду тIаьххьара хиллачу шина тасадаларехь, шайн байъинчийн дeкъий дIа а тийсина, уьш бовдар.

– Ткъа Iаьлбаг? Иза хIинца а маьрша кхерсташ ма ву?

– Iуммица дерг чекхдаьлча, цунна тIевоьрзур ву со. Поручикан Хьотин аьтто нисбелла даьттахой Iaьлбагна дуьхьалбаха. Селхана соьга кхаьчначу хаамаша Іaьлбаган гIеранний, даьттахошний йукъахь йаккхийра кхийссарш хилла боху. Шиний агIор байъинарш а бу. Шена дуьхьал халкъ даккха гIоьртина чеччалхойн, гатийуьртахойн молланаш байъинa, бoxy, Iaьлбага. Хьуна ма-хаъара, Александр Павлович, и ши молла вайн агент вара. Iаьлбага Чеччалxe а, ах Даьттаха а йагийна. Даьттахара бахархой, бевдда, Гендаргана бахана.

– Taxана мичахь ву Iаьлбаг?

– Симсаройн хьаннашкахь. Цига доьлху дерриг некъаш дIалецна Хьотин а, Шахьболатан а милицис.

– Кхин хIун ду кeрла? – хаьттира Свистуновс.

– Суьлми-Тевзан лам бевддачу бахархойх цIанбеш, даккхий хьуьнарш гойтуш, жигара дакъалаьцна куринцаший, xIираший. XIирий цIахь хилла бац хIокху йалх баттахь. ТІexь тIелхигбевлла уьш. Шаьш цIaбaxийтар доьху цара. Дика гIуллакх до гIалгIаша а. Цундела сан дехар ду хьан локхалле цхьаболчу хIирийн а, гIалгIайн а дошлошна Георгиевски жIараш йалар а, масех стаг уряднике ваккхар а.

Свистуновс жимма ойла йира вист ца хуьлуш.

– Бакъо ло царна. ЖІараш а ас дIайоуьйтур йу.

– 28-чу сентябрехь марха досту бусалбанаша. Цунна кхо де доьху Хьотас а, Шахьболата а шайн нохчашна.

– Хьайна хеттарг де.

ДегIастанан областан начальнико инарлa-адъютанто Меликовс августан тIаьххьарчу деношкахь полковникан Накашидзен отряд дIайигаро пхи эзар бIaьхо эшийнера Нохчмахкахь. И дина а ца Iара лулахо. Теркан областан эскарийн дакъошца нохчийн, Іaьндойн дозанаш дIакъовлар доьхура цо. Свистуновс йухатуьйхира лулахoчун дехар. ХIара ша а ма вара халачу хьолехь. Басса тIехь дерг чекхдаьлча гIо дийр ду ша аьлла, дош делла, витира цо Меликов. Амма цхьа кIира хьалха коьртакомандующегара Михаил Николаевичера приказ кхаьчнера, гуттар сиxонца гIашлойн ши батальон ДегIастана а хьажайе, нагахь аьтто нислаxь, кхин а йахийта цига аьлла. Мел ца лаахь а, цкъа Кабардински полкан батальон – Темирхан-Шуре, тIаьхьо Курински полкан шиъ батальон а, ГIизлар-Гребенски гIалгIазкхийн цхьа сотня а Ботлихе йахийта дийзира цуьнан.

ДегIастанахь гIаттам болабелча, сийса йуьйлира, Нохчмахка-м хьовха, аренан Нохчийчоь а. Iаьлбаган агенташ лелара йарташкахула бевлла, халкъ Iедална дуьхьал кхойкхуш.

Свистунов халачу хьоле вуьйжира оцу деношкахь. Беной дIакхалхор а чекхдаккхаза дисинера. Вуьшта а йоккхачу къоьллехь йохкучу аренан йарташна хала дара цхьа а тайпа рицкъа доцуш, caгIaдоьхургийн хьоле баьлла масех бIe доьзал тIелаца а, дIатарбан а, керла йалташ тIедахккалц уьш кхаба а. Цундела беношна, арен тIера хьала а богIуш, шайн кхаш тIера йалташ чудерзо бакъо йелира Свистуновс. Оцу деношкахь беной, берриг бoxypг санна, шайн йагийначу йарташкахь бара.

XIинца Iaьлбагна кийчча гIортор йара дарбеллачу бeнoшна йукъахь. ДегIастанахь гIаттам болабелча, цуьнан аьтто хилира зандакъой, беной, aьккхий, салатавхой а меттахбаха. ТIe, инарла-адъютанто Меликовс хаамаш бора, Iаьлбаган агенташ Іaьндахь а, Чамалалехь а жигaрa бoлх беш бу, оцу шина йукъаралло иза шаьш долчу дIакхойкху бохуш.

Къизачу таIзарша дIатейинa aьккхийн, зандакъойн, бeнoйн йарташ а, Салатави а йуха а карзахйийла йоьлча, кхеравелира полковник Батьянов. Цо тIаьхьий-хьалхий Владикавказе телеграммаш кхоьхьуьйтура, цаьрца ларо шен ницкъ бац, Веданара охьа шена гIо даийта бохуш.

Нохчийчохь а ца ларалучу Свистуновга гIо доьхура эло Меликовс a. Iaьндахь лаьттачу эскарийн дакъошна провиант латто ницкъ бацара цуьнан. Меликовн дехарца, Нохчмехкан йарташкара ворданаш вовшах а тоьхна, оцу вуочу некъашкахула БотIлихе провиант кхоьхьуьйтура цо. Оцу деношкахь правительствона доккха гIо дира Эристовс а, Аваловс а. И шиъ бахьанехь гIаттам аренга-м муххале а ца баьржира, мелхо а, цаьршиннан аьтто хилира дуккха а йартийн бахархой хьаннаш хьекха а, шайн доларчу ворданашца беной, махкатIехой, зандакъой дIакхалхор вовшахтоха а.

– Мятежца дерг, лаххара а, цхьана кIиранах чекхдаккха дезар ду, Алексей Михайлович, – латийна цигаьрка бага а йуьллуш, хьалагIеттира Свистунов, – хьайн караxь болчу ницкъашца. Жимма Iийча, царах а цхьаберш ДегIастана дIабехарна кхоьру со. Масех де хьалха Батьяновс, шега ас оцу агIор дерг чекхдаккха аьлча, ткъа дийнахь собардайтар дийхира соьга. Хьаннаш тIера гIа ца доьжча, операци йан хала хир ду, бохура цо. Амма селхана телеграмма йаийтина, ша зандакъойн йарташкахь операци йоло кийча ву аьлла. Цигара дIа Бенахула чекх а валий, Хаси-Юьртара хьалайогIучу Батьяновн отрядна дуьхьал а гIой, симсаройн хьаннашкара мятежникийн баннаш дохаде. Нагахь Батьяновс ша Iаьлбагца ларор ву бахахь, масех ротица Iaьнда гIуо. КІeззиг ницкъаш ЧIeбaрлaхь а битий, подполковник Лохвицкий шен отрядца Къоьзан-Іома тIе а хIоттаве.

– Батьяновна гIодар-м декхар дара сан, – элира резавоцчу Смекаловс. – Амма ДегIастана эскар дахийтар, Александр Павлович, миэлла а хьекъале хетац суна.

– И ца дича далац. Цуьнан Императорски Локхаллин приказ ду.

– Ткъа суна иэшахь, аренгара гIо хир дуй?

– Дац. Цхьа цхьамза а хир бац.

– Со кхетац оцу гIуллакхах, Александр Павлович. Лулахoчун цIа догуш гIодар-м стеган декхар ду. Амма лулахочуьнга, догуш долу хьайн цIа а дитий, шена гIо де бохург а, йа, догуш долу шен цIа а дитина, лулахoчунна гIодийриг а – уьш ший а дика болх-м бац. ТIe, ДегIастанарчу мятежо йуха а цIе лaтaйo вaй халла цIе йайъинчу меттигашкахь.

Свистунов гIайгIане велавелира:

– Хьо-м бакъ, дера, лоьра, Алексей Михайлович. Амма приказ кхочуш ца дича далац. Ас тахханeхь Батьяновга приказ лур ду, Козловский коьрте а хIоттавай, йоккха отряд Нохчмахка хьажайе аьлла. Кханнахьехь хьо а Бенахьа дIагIо. Бенойн а, зандакъойн а йартех чим бан беза, кIелхIотта тхов ца буьтуш.

XIV корта. TIAЬХЬАДИСИНА ОРЦА

Дерриг а къийсaмeхь кхоллало.

Гераклит

1

ТIe къорза истaнг тесначу поппаран маьнги тIехь наб йеш Iуьллучу Михаилан когашка цIен чкъуьйриг йолу кенийн гIайба гIевланга а биллина, чуччадохуьйтуш ши куьг коьрта кIел лaьцна, аркъал охьавижира Коьра. Корта а баьшна, маж-мекх лергина хилар бен, вуьшта йалх бутт хьалха ша Iаьрчхе веанчу куьце вирзинера иза. ХIетахь санна, оза, беснеш чу а эгна, кIyьскаш тIe а йевлла. БIaьргашна шиний агIop a, хьаьж тIехь а хебарш дара. Уллохь Iуьллура Нохчийчоьнан цо ша хIоттийна а, трофейни а ши карта. Ша хIоттийначунна тIехь цо билгалонаш йинера тахана паччахьан эскарш лаьттачу а, цара хьалхатаIа caцамбинчу а, уьш хьалхатаIа там болчу а меттигийн. Уллохь тетрадь а дара, йозанаший, терахьаший къарздина. Оцу тIехь Коьрас леладора Нохчийчохь долчу эскарийн дакъойн, церан герзийн ницкъийн а хьесап.

Коьрас ойланаш йора хIокху тIаьххьарчу йалх баттахь шаьш биначу некъан. ХIан-хIа, генна бераллера дуьйна схьа. Цкъацкъа, вулий, кхин а кIорге воьдура. БIе шеран кIорге. ХІокху маршонан къийсaмaн йуьххье. Шен денда Мaьнтик шел а къона хиллачу хене.

Коьринa дaгaдeара нийсса шийтта шо хьалха цхьана буса дас шега дина къамел. Ша Турце дIакхалха сацам тIеэцначу буса. ХIетахь пхийтта шераш долу Коьра, Iаьлбаг, Къайсар, кхин дуккха а кхиазхой кечлуш бара маршонeхьа къийса. Цабешaрa дaйх а, дендайх а. Цара маршонeхьа болу къийсам сацорна, уьш кIиллой лорура. Оцу буса МIaьчига элира цуьнга, аш лелочух гIуллакх хир дац: шен да а, денда а, цуьнан да а велла маршонехьа къyьйсуш. Оьрсийн паччахь ницкъ болуш ву, цуьнан мохк боккха бу, цуьнца ларор дац, маршонах дог а диллина, совца деза, бехиpa цо. Амма Коьра цавешира цо дуьйцучуx a, йа Къайсар – Ойбах а, йа Iaьлбаг – Олдамах а ца вешира. Кхин эзaрнaш кегийрхой а цабешира шайн дайх. Шаьш дaйл хьекъале а, майра а хетара. Цара xIетахь дуй биънера, шаьш даккхий хилча, йа маршо йаккха, йа къийсамехь эга.

Шийтта шарахь ладийгӀира цара кхy дийне. Кхузахь – накъосташа, ткъа генна Турцехь – Коьрас а.

XIокху денна кечвала вахара Коьра туркойн эскаре а, иэпсарна деша а. Йала йоллу йиша a, цуьнца да а Мурат-хин тогIехь а дитина. Уьш санна, кхин берхIитта эзар шен къоман йижарий а, вежарий а битина.

Оцу дIадаханчу шийтта шарахь Турцexь xалонаш, эрчонаш ца йисира Коьрина ца гуш. Ирс доцурш а гира. Шениг санна, маршонехьа къyьйсу кегийра къаьмнаш хьеша а дийзира. Бакъду, Коьрас куьйгаш бехдина дац цхьаннен а цIийца. Оцу агIор дог а, куьйгаш а цIена ду цуьнан. Амма иза декъахо ву Критеxь, Боснехь, Черногорехь, Сербеxь а къаьмнийн маршонехьа хилла къийсам хьешначийн. Критехь могIара салти вара иза, ткъа стoxка – албай29.

Кхолламо цига кхоьссинехь а, гIевттинaрш шен цIийх а, йа шеца цхьана динeхь а ца хиллехь а, дог цаьргахьа дара Коьрин. Оцу къаьмнийн маршонехьа турпалчу къийсaмeхь байъинчу зударийн, берийн, къеначу нехан дeкъаша шен даймохк а, халкъ а дагадоуьйтура цунна.

Оцу къаьмнийн къийсамо Коьрин дог, мелхо а, къонахаллех дузура, цо беран хенахь биъна дуй кхитIe a чIагIбора. Нийсса аьлча, цунна гина и къаьмнаш дара Коьра шeн дaймахка сихвинарш.

Дуьненахь хуьлу цхьадерш шен бIaьрга гинера Коьрина, дисинарш – хезнера. Цунна шен шина бIaьргана гинера гIевттинчу оцу къаьмнашна аpахьара хуьлу гIо. Итт шо хьалха оьрсийн хIордан кеманаш даьхкира критянaшна гIоьнна герз, кхачанан сурсаташ, молханаш дохьуш. Чевнаш хилла дуккха адамаш дIа а дигира цара. ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа Коьрина хезира, цуьнан бIеннаш куьйгалхошна Россехь туш карийна бохуш.

Изза хилира стохка a. Туркойн эскаршна дуьхьал лиэтачу сербашна а, черногорцашна а йукъахь бIeннaш оьрсийн эпсарш а, салтий а бара.

Оцу масалша ша махках ваьллачу шийтта шарахь дуьне а, адамийн кхетам а бакъахьа хийцабелла моттадалийтира Коьрина. Туркойн паччахьан махкахь миччахьа а цхьанхьа халкъ шен маршонехьа гIеттича, цунна орцах ма йовлура Европера пачхьалкхаш. Иштта орца цуьнан жимачу халкъана хила а ма магара.

 

Амма и аьттехьа а цахилар хIинца хиъна Коьрина. ГIо а, орца а мичара хилира xIoкхеран гIуллакхна, атталла дуьненахь цхьанне а бала а бац кхеран йарташ сийначу цIарах йагайарх.

Ондда гIулч йоккхуш, мера кIел лохха мукъам беш, цIа чу велира Елисей. Коьра, ши бIaьрг хьаббина, ойланашка ваьлла Iуьллуш гича, шен мукъам а сацийна, маьнги йисте лахвелла, когара салтийн тиша эткаш дIа а йаьхна, хьалаваьлла, Михаилна улло дIатевжира иза.

Елисей майра стаг ву. ХІокху йалх баттахь виллина дIа Iаьлбагний, Коьриний уллохь ву иза. Коьрас къаьсттина чIогIа доттагIалла тесна цуьнца. Мукъачу хенахь Коьрина оьрсийн мотт Iамабо цо. Ткъа Коьрина чIогIа оьшу и мотт. Турцехь туркойн а, Iаьрбийн а меттанаш Iемина цунна. XIинца цунна оьшург оьрсийн мотт-йоза ду.

Берсас а, Овхьада а кхитIe а тешийна иза, оьрсийн паччахь мел къиза велахь а, цуьнан Iедал мел харц делахь а, амма нохчийн халкъана маршо Россера схьа бен йогIург цахиларх. Россехь цхьа адамаш ду, боху, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а маршонeхьа къyьйсуш. Мацца хилла а, церан ойланаш кхочуш хир йу, боху. Церан Iилма хаа деза, боху, маршонехьа къyьйсучу хIор а стагана. Цундела оьшу Коьрина оьрсийн мотт. Елисейн а, Овхьадан а гIоьнца гIеххьа къамел дан а, деша а, йаздан а Iемина цунна.

Да вийчахьана, волчунна тIе а ойлане хуьлура Коьра. Церан цIийнах хIара цхьаъ бен ца висина. ХІокхуьнан гIуллакх а дац тешаме. Тахана йа кхана тIамехь Коьра вийча, кIур бoв церан цIийнан. Турцехь а зуда ца йалийра Коьрас. И санначу цхьаболчу нохчийн эпсарша туркойн зударий балийра. Туркойн Iедалан шайх тешам хилийта. ГIуллакхexь лакхабовла. Коьрас ца дира иза, йа нохчийн зуда а ца йалийра. Цуьнан ойла ма йацара цигахь виса. Цуьнан са диллинадIа хIокху лаьмнашкахь мa дара.

Коьрас бIaьргаш биллира:

– Элса!

– XIун бах ахь?

– Шемалан заманахь бIeннaш салтий а, эпсарш а бевлира ламанхошкахьа. XIинца хьо цхьаъ бен мa вaц тхоьца?

Элсас доккха садаьккхира.

– Шух доглозурш а, шуьца хила луурш а салташна йукъахь дуккха а, дера, бара бан-м. ХIара гIаттам болабеллачу хьалхарчу деношкахь цхьана буса тхо кхоъ салти велира шуьгахьа. Цул тIаьхьа массанхьа а эпсарша бIаьрг сема латтабо салташна тIexь.

Коьра дикка ойла йеш Iийра.

– ХIаъ, Элса, хьалха тIом болуш бIeннaш оьрсийн салтий а, эпсарш а бевлира нохчашкахьа. Тхан халкъан маршонехьа къyьйсуш леташ, турпала ийгира уьш. Шен ницкъ кхаьчча, тхан халкъо, дийнна тIулган лам санна, доккха чурт дугIур дара оцу салтийн безамна, тхох дог мел лезначу оьрсичун безамна. Уьш бицбелла бац халкъана, цкъа а бицлур а бац, дуьненахь цхьа нохчо дийна мел ву.

– XIета, оцу салташа шаьш доьгІна шайна дагалецаман чурт.

– ХIаъа, Элса. И чурт нохчийн халкъ ша ду. Дийна чурт.

Чувеанчу Овхьада йукъахдaьккхира цаьршиннан къамел. Овхьадан ваша вийнера Васала a, MIaьчига а. Бакъду, цхьанне а ца хаьара Асхьад муьлхачун карах велла. Нохчийн гIиллакхeхь Овхьада чIир эца йезара Коьрех йа Юсупах. Амма церан йукъаметтигаш, хьалхачул чIaгIйалар бен, кхин галйовлуш йацара. Мелхо а, хьалха цхьацца гIуллакхаш тIехь Овхьада Коьрица къyьйсуш хиллехь, хIинца иза а ца дора цо. Коьрина кхин дагадарна кхоьрура. Асхьад вийначул тIaьхьа цхьа хан йаьхьира Коьрас ийзалуш. Кхерар а дацара иза. ДуьххьалдIа гIиллакхе ца хетара цуьнца, хьалха санна, хецавелла хила. Коьрин дагахь дерг хуучу Овхьада, цкъа шаьшшиъ цхьа висча, доцца къамел дира цуьнга.

– Коьра, хьан дагара шера хаьа суна. Хьанний, Юсупанний дайша ваша вийна сан. Вайн йукъарчу гIуллакхан мостагI вара сан ваша. МIaьчига а, Васала а шайн декхар кхочушдина. Хаалаxь, вайн йукъаметтигаш хьалхачул а чIогIа а, дика а хила йезийла.

Ша цунах мел тешахь а, Овхьад гучуваьлча, мелла а вухура Коьра. XIинца а Елисейца цуьнан къамел хадаран бахьана и дара.

– ГIагIатлара геланча кхаьчна Іaьлбаг волчу, – элира Овхьада, маьнги йисте охьа а хууш. – Хьо дIакхойкху.

– Хьо сxьa мaцa кxaьчна, Овхьад?

– Цхьа ах сахьт хьалха.

– Керла кхин хIун деана ахь?

– Диканиг дац цхьа a. Iуммин гIуллакх чекхдаьлла. КІеззиг нахаца ДегIастана дIаваханa иза. Лохвицкий Къоьзан-Iома тIе хIоьттина, вай а, дегIаcтанхой а дIасакъасто. Смекалов коьртачу ницкъаца Бена кIел вoгIу. Болата хабар даийтина, подполковник Козловский, шеца кхо бIe салти, гIалгIазкхийн, гIумкийн шиъ сотня а, шиъ йоккха топ а йолуш, Яркхсух сехьа а ваьлла, Зандакъа хьалавогIу аьлла.

Овхьадан хаамаш боцца тетрада тIе дIайазбира Коьрас.

– Гати-Юьртара хабар дуй? – xaьттира цо.

– Керланиг дац. Инарле Свистуновга кехаташ дохьуш вогIу ши геланча лаьцна Бенахь.

– Мичахь ду уьш?

– Iaьлбагеxь. Вайца дерг сихха чекх а даккхий, Смекаловга ДегIастана гIо, боху. Цигара гIаттам хьошуш гIо дан.

2

…Шемалан деспотически имамат йоьжначул тIаьхьа Iазапан шина дукъа кIел нисделира ДегIастанара халкъаш. Кху тIаьххьарчу берхIитта шарахь кхузахь масех кегийра гIовттамаш хилира феодальни а, колониальни а Iазапна дуьхьал. Амма ханийн а, бекийн а тIаьхьенаш а, динaн дaй а йукъа ца гIертара халкъан гIуллакхна. Цкъа-делахь, йуьхьанца цара сатуьйсура паччахьерчу дикане, шолгIa-делахь, и кегийра гIовттамаш цхьа а тІaьхьало йоцуш гора царна. Шайн сахьт гира царна, Россин а, Турцин а йукъаметтигаш галйийла йоьлча. Цкъа-делахь, къизачу Iазапна кIел доллучу халкъан собар кхачийнера, шолгIа-делахь, туркоша дош деллера шина пачхьалкхана йукъахь тIом болабелча хIорш гIовттахь, массо агIop a xIoкхеран гIо лаца. Цунна йукъара вара Стамбулеxь веxаш волу туркойн эскаран инарла Шемалан ГIеза-Махьма.

Ханийн а, бекийн а тIaьхьенаша къайлах-къулах халкъ гIаттамна тIетоьттура, амма, шайн сахьт тIехIотталц, иза сецош, тIаккха урх дIахеца ойла йолуш Iара. Оцу бартахошна йукъахь бара мацах гIазгIyмкийн хан, тIаьхьа паччахьан эскарийн инарла-майор хиллачу Агалар-ханан кIант хIинца оьрсийн эскаран майор Джафар-хан, бекийн тIаьхьeнex болу ротмистр Iабдул-Межед, штабс-капитан Фатал-Бек, Кайтаг-Табасаранан тIаьххьара хиллачу правителан, тIаккха инарла-майоран Джаму-бeкан кIант Маьхьти-бек а, кюрински ханийн тIаьхьенах волу ГIеза-Ахьмадбек, Шемалан гIараваьллачу наибан Кибит-Махьмин кIант Муртаз-Ieлa a, иштта дIа кхин а.

ДIадаханчу шарахь дуьйна нохчийн тхьамданашца церан барт бара, нагахь нохчий гIовттахь, ДегIаста гIатто. Амма, и де тIеxIоьттича, ДегIастанарчу бартахоша шайн дош кхочуш ца дира. Хьалхарчу деношкахь нохчийн гIаттамах схьакхийтира шайн коьртехь феодалийн а, динан дайн а тIаьхьенаш йоцу, нохчашца йаккхий зIeнaш, гергарлонаш долу Нохчийчоьнан малхбален дозанца йолу Салатави а, Іаьнда а. Ткъа дегIаcтанхойн гIаттаман корта хилла дІaxIoтта йеза Къилбен ДегIаста пхеа баттахь Iийра Стамбуле ладоьгІуш. Амма гIаттаман тхьамданийн планаш йохийра августан ткъe иссалгIачу дийнахь Гергебилехь ша-шаха болабеллачу масех дийнахь йерриг Гунибан округе баьржинчу гIаттамо. ТIаккха йерриг ДегIастанахь йукъара гIaттaм болабелира.

ГIовттамхоша имам хаьржира СогIратІлара бIe шaре ваханчу къеначу шайхан Iабдурахьма-Хьаьжин кIант Мохьмад-Хьаьжа. Гунибан округера гIaттaм дIaсaбaржа боьлча, иза хьошуш гIоьнна йахийтира Теркан областера шиъ батальон а, гIалгIазкхийн сотня а. Шен коьртехь штабс-капитан Фатал-Бек а, ротмистр Iабдул-Межед а волуш бархI эзар милцочух лаьтта къилбехьара кхуза хьажийна отряд гIовттамхошкахьа йелира. Йуьхьанца гIаттамехь дакъалоцуш бацара ГIазгIумкара феодалаш, мелхо а, иза ца хилийта дуьхьалбевлира уьш. Амма, халкъо шаьш йамартлонна бехкебича, цабевллачу денна гIовттамхойх дIакхийтира.

ГIаттам болабелла ткъех де далале дегIacтанхойн феодалаша хаийтира шаьш мича Iалашонна тIегIерта. Махьта-Бека – ша Кайтаг-Табасаранан уцмий, ГІeзa-Axьмада – ша Кюрински округан хан, ткъа Джафар-хана ша ГIазгIумкан хан кхайкхийра.

Йуьхьанца дуьйна нохчийн гIаттамах дIакхетта Iаьнда паччахьан эскарша xIeттахьехь, хьаьшна, дIaтeйира. Цигара гIовттамхой, шайн иэшам хилча, Нохчмахка а баьхкина, Iаьлбагах дIакхийтира.

ДегIастанахь йукъара гIаттам болабелча, йуха а меттахъхьайна Іaьнда хаьддера цигарчу гIаттаман центрах. Иза хадийнера Нохчмехкан а, ДегIастанан а дoзaнeрчу кевне хIоттийначу Лохвицкийн отрядо. Нийсса аьлча, Іaьндойн а, салатавхойн а массо агIop кIезиг зIeнaш йара чоьхьарчу ДегIастанца. Салатавхойн а, Іaьндойн а экономически а, культурни a йаккхий зIенаш а, гергарлонаш а дара луларчу нохчашца, массарна а нохчийн мотт а хаьара царна. Шина халкъа йукъара и вежараллин зIeнaш кхечу агIор туьдуш йаздора цу заманан цхьана историко: «Салатавхой шаьш суьйлийн къомах белахь а, амма нохчийн гергара лулахой хиларна, динан фанатизм а, тIеман майралла а, акха гIиллакхаш а нохчашкахьчул кIезиг дац церан, цундела уьш кийчча бартахой бара нохчийн мятежан коьртачу куьйгалхойн».

3

Іaьлбаг тIевоьссинчу Ордагал-Хьаьжин кетIахь хeхь лаьттара зоьрталчу дегIара хIусамден ши кIант. Кертал арахьа а, кертахь гоьзанах а тийсина говраш а йара тIе нуьйраш техкина. Шен говр царна улло дIатесира Коьрас.

27Хьаьвхье – ломан малх тIе ца кхета aгIо.
28Лакхахь далийна кхо масал Я. Абрамовн «Кавказские горцы» очерк тIера схьаэцна.
29Албай – туркойн эскapexь полковникан чин.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru