– Хьо дукха-м цa Ia?
– Къайсаре вист а хилла, схьавогIу.
Йуьстахлаьттачу ворданна уллошхула тIехволуш, царна тIехь вертанаш кIел Іохкучу декъийн когаш гира Iумарна. Лакхеш дIахьулйинера тIетесначу вертанаша. Йуьйцинчу кертах тевжина лаьтта Къайсар, куьг ластийна, шена тIевийхира цо.
– XIун ду йуьртахь? – хаьттира Къайсара, ша тIекхоччушехь.
– Салтий бац. Асхьад коьртехь масех милцо ву, боху.
Къайсара хIумма а ца элира. Iумар, цхьаъ-м ала ца хIуттуш, нуьйрахь меттахъхьайра.
– Хьуна хIун лаьара?
– НанагIар бу, боху, дукъахь. Со цига ваха мегий?
Къайсара корта таIийра.
– ДІагIо. Ас хьайга кхайккхалц, йуха а ма гIерта.
Iаьрчхин кIоргачу боьра чу а воьссина, дехьа агIон тIе хьалаваьлла ши ваша, масех ирзо а, боьлак17 a хaдийна, Шал-Дукъан хьаннашка ваьлча, регIа тIехула малх гIеттира. Амма цуьнан зIaьнарш ца кхочура попан хьаннаш йуккъе, ши-кхо де хьалха дилхинчу догIано тIадийначу хьаннийн кIелош хIинца а йакъайалаза йара. Iуьйранна самадаьлла Iалам жигара болх бан долaделира. Гергахь адам хааделла акхарой йуьстахъуьдура, дайн татанаш а деш. Наггахь таллархо воцург, аддам а ца кхочура кхуза. Ца гоpa цхьаннахьа а дагаран лар а. Амма къанделла хирцина зоьртала пепнаш Іохкура массанхьа а.
Йуьхьанца ворданан готтачу, тIаккха гIашлойн новкъа дIавахана Iумар а, Iусман а, кIоргачу Iин чу а воьссина, хинна дуьхьал хьалаволавелира.
Iинан ши берд тIеттIабеана гaтйеллачу мeттигна тIекхочуш, говp a cацайайтина, бага ши пӀелг боьллина, шок туьйхира Іусмана. Цуьнан цIогIа хьуьна чохь дайна а далале, ишттачу шакаран жоп дeара дуьхьал.
– Мохьмад ву иза, – элира Іусмана.
Берд готтачохь дуьхь-дуьхьал гIоьртина тхов бина кхозучу гаьннашна кIелхьахула дIахьаьжча, масех тоьла гира Іумарна. Царах цхьанна хьалха хIетта латийначу цIеран кIур бара нийсса ирх оьхуш.
– Ba-а, Iуми вогIу, Іуми вогIу! – воккхаверан мохь белира лакха тIехь хьуьна чохь.
Бердан басахула лелхаш, хехкалуш чувоьссина, ведда тIевеана Мохьмад, говраxь волчу Iумаран настарх хьаьрчира.
Мохьмадан мохь хезча, тоьланаш чуьрий, хьуьна чуьрий схьа маьI-маьIIера гучудуьйлура адамаш. ЦІера уллохь, схьанехьа букъ берзийна, кхача кечбеш хиъна Іен зуда, хьала а гIеттина, схьахьаьжна, чурт санна, йогIайелла сeцира.
Iумар, говpара а воьссина, тIеволавелча, берзинчу когашца тIулгаш тIехула, хи чухула хьаьдда дуьхьалйеара Эсет а, Деши а.
Цхьацца агIор тIекхетта, барташ дохуш, хьистина, цхьацца aгIop йаьлла, пхьаьрсаш лаьцна, кIант Айзина тIевигира цаьршимма.
Текхахь хьакхош болу мижарг Iадда а битина, мижаргex дуьзначу куьйгех бина ши буй чIениг кIел таӀийна, цергашца корталин тIам а лаьцна, хIоьттина лаьттара Айза. КIанта, тIе а веана, ша мара йоьллича, цкъа хьалха балдаш, тIаккха чIениг йегийра цуьнан, хьех кIорге чухиъна ши бIаьрг хих буьзира.
ХIорш дара-дацара ала а кхиале, дагарш карахь тIевеара хьуьнxара араваьлла Васал a, MIaьчиг а. Хазахетар тIехдaьлла зударий боьлхура, шайн хеттаршна Іумар жоп дала а ца вуьтуш.
– Дитал шайн белхарш, – човхийра уьш МІaьчига. – Дийцал, муха хилира тIом, вийнарг, чов хилларг вуй? Iалелай, ма дукха эскарш оьзнера цига! Зингатийн туьйлиг санна, сийсадора-кх цара и цигара Iаннаш а, хьаннаш а!
Айзас хьолтIамаш йешшехь, Іумара сих а ца луш дийцира Коьжалкан-Дукъахь хиллачу тIамах а, шайн иэшамах а лаьцна. Виъ йуьртахо вийна аьлча, зударийн белхар иккхира. Болатах хилларг хаа лууш, Деши синтем байна хьийзаш гинчу Iумара, зударийн белхар дIатийча, цунах шена хуург дийцира.
– Болат вацара тхоьца. Иза Басса тIе хьажийнa имaмо, цигара йарташ гIовтто.
– XIета. Ловда вийна-кх, – гIайгIане вистхилира Васал.
– Вийна, Васал.
Васал, хьала а гIеттина, шен жоммагIа пхьаьрса кIел доьллина, меллаша хьуьна чу волавелира.
– Ахь хIун до, Васал? – тIаьхьа мохь туьйхира МIaьчига.
– Жимма кхарста воллу со, – йуха а ца хьожуш, къоро жоп делира Васала.
– Йай схьаболуш боллу, собарде жимма, – йухакхайкхира иза Айзас.
Амма Васал, йуха а ца хьожуш, корта а таӀийна, меллаша ког боккхуш, хьуьн чохь къайлавелира.
МIaьчиг хьалагIеттира:
– Мисканна ша лайнарг кaрлaдaьлла, – элира цо, доккха са a дaьккхина. – Цунна тIаьхьавоьду со.
– Ой, йуург ма йу схьайолуш, – оьгIазйахара Айза. – Аш лелориг хIун ду, дан мукъане а?
– Аш йаа, охашимма тIаьхьо йуур.
Шина гажарга тIехула пурх тесначу хьокханах кхозу цIестан йай, хьокханан ший а маьIиг лаьцна, айъина лаьтта а хIоттийна, серех дуцуш динчу чоьлпица хьолтIамаш текха йаха йуьйлира Айза.
– Сингаттам бу-кх хIара дуьне, – балхамаш бан хIоьттира иза. – Хаац-кх, Дала мича къиношна до хIара таIзар. Дала къина а ма лорийла, шовзткъe итт шарахь дуьнен чохь йаьхча, цхьаъ мукъана а ирсе де ца гина боxург эхь ду-кх. ХIор а денна адамаш ду дойъуш, йарташ йагайо, Сибpex xьийсабо. Летарх, къийсарх, ва Дела аьлла, нислуш хIума дац. Ца оьшура хIара дов доло а. Тоьлур доцу дов дитахьара мел дукха бехира шуьга! Амма наношка, зударшка аш ладогIац. Ткъа бохам тхоьга алсам кхочу. ЦІийнах-цIерах девлла, акхарой санна, кху хьаннашкахь лечкъаш лелар а, шуна сагатдар а…
Айзин бIаьргех мела хиш хьаьлхира. Корталин тIемаца уьш дIа а хьаькхна, текха йаьхна хьолтIамаш чоьлпица йаржийра цо, берамца кад хIотто йукъ мукъа а йоккхуш.
– XIинца цIахь Iай шу? Iаьлбаг-Хьаьжас хIун боху? – хаьттира Къайсаран зудчо Маккаc.
– ЦIахь хIунда Іа? – цунна тIевирзира дечиган туьппалга тIe a хиъна Iен Iумар.
– Кхин хIун дийр ду аш? Тоьлур доцу дов дита ма деза, и ца хаъал кортош боцуш бу шун тхьамданаш?
– Царна дика хаьа шаьш лелориг, – доцца хадийра Iумара.
– ВаллахI-Делора, ца хаьа хIумма-м царна, – моха йеара Маккина. – Тхо а, шаьш а дакъаздаьхна лела-кх. ЦІeнoш дагийна, кертара бежанаш дигна. XIинца ас хIун дан деза? ХIара стаг вехь, лаьцна Сибрех вахийтахь, cox a, береx а хIун хир ду?
– Тхан ненах хилларг.
– Шун нана а йу-кх декъаза дуьне дууш…
Iумар оьгIазвахара. Зударийн чІeIaмaшa йуучуx a дoгдaьккхиpa цуьнан.
– Тхо летар ду-кх делла дIадовллалц, йа маршо йаккхалц, – деро вистхилира иза. – Ма цIенош хили хьуна оцу вайн тоьланех! Даьхний вайн мичахь хилла? Халла кхиийна цІоьллакаш. Гай йуззалц дууш ца хилча, ца летта хIун дийр ду? Лийриг велла, вуьсург висина, цхьа агIо йаллалц летар ду-кх. Тхо делларш а ларий, шайн гIайгIа бе аш.
Айзина цкъа а ца гинера шен кIант иштта дера. Цецйаьлла цуьнга хьажайеллачу нанна кхин стаг гира. КІeнтaн йуьхьа тIехь хIинца лар а ца йисинера кхо бутт хьалхалерчух. Йуьхь Іаржйелла, азйелла, йахйелла гора. Маж-мекх даьллера. БІaьргаш а кхоьлина. Iусман, шен да санна, эсала ву, ткъа хIара шен амалшца шен ден вешега Аьрзуга хьаьжна…
…ХІaъa, MIaьчиг бакъ лоьра. Иза кхеттера доттагІчун дагах, даим санна. Цаьршинна вовшийн бIaьра ма-хьаьжжинeхь хаьара вовшийн дагара. Халахетча а, хазахетча a. Baсaл меллаша хьалха дIаоьхура. Ши бIаьрг лаьтта а боьгIна, гондIара исбаьхьа Iалам а ца гуш. Олхазарийн эшарш а ца хезаш. Шен йуьхьах деттало гаьннаш ца хаалуш. Йерриг шен ойланца къилбаседехьа, даймахка а вахана. Дагадeара шай, Косолаповвий ведда Нохчийчу вар. Цаьршиннал хьалха а, тIаьхьа а маса салти веанера кху лаьмнашка маршо лоьхуш! БIеннаш. Къизаллех ведда. Масане хIаллакьхилира уьш, оцу маршонeхьа къyьйсуш. Иза лоьхуш, цуьнан дуьхьа даймахках бевлла лийлира-кх уьш. Ткъа иза ца карийра. Йац-кх иза. Нийсо а, харцо а йу-кх массанхьа а.
Елисей а, Михаил а веана кхуза, хIара Васал санна. Царна а карор йу кхузахь Iожалла. Шайн ирс ду, карайахь. Дийна бисахь а, кийчча тангIалкхаш хир йу царна. Йа Сибрехан каторга. Дийна висина Васал а ма вац ирсе. Хьалхaлeppa Iaзaп, харцо, къоьлла. ТIекхеттарг хIун ду? Даймахке сатийсар. Ненан мaттax xьегар.
Декъачу, хебаршка ихначу логаца хьала-охьа уьду ира логашад. Васала сацабо кийрара арагIерта мохь. ЧIоггIа тIеттIатaIадо бIаьрнегIарш. Амма ницкъ бац кийра летта цIе сецо. Иза тIехтосу. Попан гIад мара а къовлий, цунна тIетаьIа Васал. ПIeлгийн мІараш чуйуьссу попах тесначу ковстах. Амма ницкъ бац кхидIа садетта. Васалан мохь болу. Къора. Бежанан санна.
– Васал, осала ма хилахьа! – белша тIе куьг диллира цунна МІaьчига. – Лийр долуш ма ду вай дерриш а!.. Ловда массарна а ма везара. Ма велха. Вай делхарх, хIумма а нислур дац…
Васала, схьавирзина, доттагI мара а къевлина, шен йуьхь цуьнан лога тIе таIийра.
– Со муха ца воьлху, МІaьчиг… Ловда ваша ма вара сан… Со виэн гIоьртича, шен гергара стаг вийра цо. Оцу бехкeнна Сибрех итт шо хан а йаьккхина, цIа веара иза.
МIaьчиг доттагІчун догъэца гIертара. Ткъа шен бIаьргех бертаза хиш оьхура.
Дикка лаьттира и шиъ, Васала сауьйзуш, МІaьчига къурдаш деш. Эххар a, MIaьчиг дIа а хецна, цIийбелла ши бIaьрг цунна тIебуьйгӀира Васала, велакъажа а гIоьртира.
– Къанвелла вайша, МIaьчиг, – элира Васала, бехкала вахана.
– ХIаъ, Васал, къанвелла. Дегнаш а кIадделла.
– Къонахалло кIез-кIезиг дIатосуш лаьтта вайша. Маршонехьа къийса ницкъ бац.
– Амма вайшиннан ши кIант ву тахана оцу къийсaмeхь хьалха.
– Бакъду иза.
– Церан а хир бу кIентий.
– Цара а дIахьур ду вайшиннах дисинарг.
– Мацца а цкъа вайн тIаьхьено йоккхур йу маршо.
– Вайша дага а лоцур ву.
– Миска Васал a, MIaьчиг а.
– Вало, доттагI.
– Вало хIинца. Цхьаьнгге а ма алалаxь, Васал цхьана минотана къонахаллех ваьллера…
– Хьох кхарда меттиг ма бац сан. Со а вилхина. Хонкараxь. Зуда санна. ТІaьххьара йоI йелча, цуьнан докъана улло а хиъна… Ирча буьйса йара иза, Васал. ТІeдeтта догIа, къекъа стигал, детта ткъес. Тоьли чу хIоьттина Іам. Йелла Iуьллу йоI. Мичахь ву а, ву-вац а ца хуу Коьра. Нехан хийра мохк… Ирча буьйса йара иза, Васал. Со а вилхира, зуда санна.
Васала, вист ца хуьлуш, корта теIабора. ТІаккха доттагІчуьнга хьаьжира иза.
– Со воьду, МІaьчиг.
– Стенга?
– ТIaьххьара а Ловдега хьажа. Кхин гур ма вац суна иза.
– Со а вогIу хьоьца…
3
Бохамаш цкъа тIелахкабала боьлча, царах дулу адам. Дуьххьарлера лазар хало хуьлу. Ткъа изa дaxделча, кхин а тIекхетча, йа дог чІaгIло цуьнан, йа, шех дог а дуьллий, кIелсоцу стаг.
Хьалха маситта шарахь тIом лаьтташ, Іожаллех боьллера нах. Цхьа а де ца доьдура йуьртахь цхьаъ йа масех стаг лаьттах ца вуллуш. ХІор а денна дебара кешнийн баьрзнаш. Шо далале кешнийн керт дIасаоза дезаш хуьлура. Вийнарг дIавуллуш лийчо а, тIаьхьа сагIанаш даха а ца оьшура. Къийсaмexь веллачунна уьш ца оьшуш магийнера. XIетахь белхар-тезет а ца лаьттара керташкахь. Царна хан йацара нехан. TIамо хан ца йуьтура веллачунна велха а, висинарг хьаста а.
Бахбеллачу тIамо хIетахь дахчийнера адамийн дeгнаш.
Цул тIаьхьа вуьрхIитта шо даьлла. XIинца вийна валийнарг жимма а адамаллeхь дIаволла гIертара нах. ГIаттам болабелча, йуьхьанца тезет-белхар а шина-кхаа дийнахь лаьттара. ТIаккха, цхьа бутт баьлча, цхьана дийне дирзира иза.
Тахана деанхьа тезет ду Гати-Юьртахь. Маьждигна хьалха бармашна тIе охьадиллина диъ дакъа Іyьллу. Йуьртара а, гонахарчу йарташкара а нах гулбелла. ЦхьакIеззиг къена нах боцурш, берриг а герзашца бу. Амма ХортIa a, цуьнан кIант Асхьад а ца гора цхьанххьа а. Йа цхьана а тезета а ца веанера и шиъ. Молланаш Товсолта-Хьаьжа а, йа Панта-Хьаьжа а ца веана хIорш дIабохка. Байъинчийн гIуллакх деш верг къона молла MаIазин Лорса вара. Амма, докъан ламаз дина, наха барамаш хьалаойъуш, тIевеара ХортIин Асхьад. Цуьнца бара Iедало милцой бу аьлла битина CaьIад, Инарла, ЧIонакъа. XIopш кхоъ дегаза вогIура нахана тIе, амма Асхьад майрра веана тIехIоьттира.
– Собардел, нах, – элира цо салам далар доцуш. – Декъий меттах ма хьедел.
Бармийн генаш лаца кечбелла нах охьакхевддинчохь бисира. Цецбевлла севцира хьалха дIабуьйлабелла баккхийниш а.
– Ахь дуьйцург хIун ду? – йукъара схьа а ваьлла, Асхьадна хьалха хIоьттира Акхта.
– Пурстоьпан бакъо йоцуш стаг дІa мa вoллийта, аьлла соьга, – тIехьа шен накъосташка бIаьрг туьйхира Асхьада.
– Хьо мила ву?
– Со мила ву ца хаьа хьуна?
– Тахханалц-м ХортIин къутIа ду хьо, тахана хьо мила хила гIерта-м хаац!
Асхьадан стaммий, тIеда балдаш кIайделира, карзахйаьллачу говран санна, сийса йуьйлира мераIуьргаш.
– Со паччахьан Iедало кху йуьртах жоп дала хIоттийна стаг ву-кх.
Акхта, шен шуьйра цергаш гучу а йохуш, велавелира.
– Стенна воьлу хьо? Хьо хьанах ца веша? – багара шетийн дарц тухуш, мохь хьаькхира Асхьада.
– Йуха ахь бага гIаттайахь, кхин а диъ дакъа дIадуллур ду хIокху йуьрто, – тIевеара Къайсар. – ДІa генайовла, чагIалкхаш!
Нахана йукъахь гIовгIанаш йевлира. Масех жимачу стага герзех катуьйхира.
– Кхин эхь ца хеташ, схьа а баьхкиний-ц!
– Кадам бар а дац!
– Вай дIадухкурш, адамаш доцуш, жIaьлеш долуш санна!
– Йовсарш!
– Лахка уьш.
ГIуллакх генадала доллийла хиъна Асхьадан кхо накъост, шайгара герз ца хьадеш, масех гIулч йуха а ваьлла, сих-сиха йуха а хьожуш, генавелира.
– Собар цкъа, оха йийр йу шун болх! – маьхьарий дeттара наха.
Накъостий бевддийла хиъна Асхьад, дуьхьал вист ца хуьлуш сeцира. Шен гIорасизаллина оьгIазвахана, балдаш дегадора цуьнан.
– Хьовсур вай, мила тоьлу! – мохь туьйхира цо, бармаш айъина, нах дIабуьйлабелча. – Ас сайн зудчун кортали туьллур ду-кх, нагахь кестта шух цхьадерш кешнашка, дисинарш Сибрех ца гIахь!
– Хьо мича ваха воллура тIаккха? – элира тIаьхьависинчу Янаркъас, йуха а вирзина. – ХIокху махкахь ваха ца деза хьан? Йа стигала вер ву хьо, йа лаьттах воьр ву хьо? Йа кхузахь хьо ларвеш салтий Iийр бу, моьтту хьуна? Оха кIур бойъур бу хьан, хьакхин херси!
Нах кертан маьIIexyлa дIахьовззалц а Iийна, шен накъосташна тIевахара Асхьад. Шен даг чохь ІaьІна оьгIазалла царна тIеIанийра цо.
– Стенна йевдда шу, пхьагалш? Цул, шайгара герз шайн зударшка деллехь, кIиллой!
Кхерабалар дIадаьлла, хIинцца меттабаьхкинчу накъосташа башха тергал а ца вира шайн «эпсар».
– Сацайехьа и хьайн чIинкъ! – куьг ластийра, гIуркх санна, веха векъаначу ЧIонакъас. – Тxaьш дан декхар дерг дина оха. Ахь дуьйла аьлча, схьа а даьхкина тхо, хьо лeттeхь, летар а дара. Хьо Iадда a Iаш, оха хьалха тухур йу моьттура хьуна? Оццул Іовдал а дац тхо!
– Баккъал, царах стаг вийна, даха меттиг ма бац вайн, – йукъавуьйлира дегIана хьийкъина тIингар-гай йолу СаьIад. ТIаккха горгачу йуьхьа тIера хьорматах тера шен мара а хьакхийна, тIетуьйхира цо: – Церан тIаьхьенаша а йаха йуьтур ма йац вайн тIаьхье.
– Пурстоьпе хIунда ца олура аш иштта? – чукхийсалора Асхьад. – Шун шалха цІоганаш ца оьшу суна. Цхьаъ – Iедална хьалха, важа – нахана хьалха лестош. Ас иштта дIаэр ду-кх Іeдале. ТIаккха шайна хиндерг хаьа-кх шуна! Пашбукъаш!
– Хьо дукха тIехвала воллу, Асхьад, – гома схьахьаьжира Инaрлa. – Тхан цхьа а вац Iаьлбагна тIаьхьа. Хьайн ваша бахьана долуш, Iедална хьесталуш, чуьраваьлла хьийза хьо. Ваха а гIой, хьайн ала дерг дIаалa Iедале. Оха хьо вийр ву-кх бехке.
– Дика ду, – гома хьаьжира цаьрга Асхьад. – Вовшийн мотт бер вай. Баьхкинчу салташа шайн цIенош дагош хьовсур шу. Шу Iедална муьтIахь ду моьттуш, дитина уьш хIинццалц.
ХIорш, девнаш деш, геннабевлча, дуьхьалкхийтира чехкка болар эцна хьацаран кIур хилла вогIу ХортIа.
– ДIабиги цара уьш? – xaьттира цо, тIе ма-кхеччи.
– Биги, дера-кх, – бур-бур дира Асхьада. – Ахь хIун до?
– Шу дIадуьйлалол, ЧIонакъа, – элира ХортIас севцна лаьттачу милцошка.
Шен деза дегI дaдийна веана ХортIа хьуьхьвоьллера. Йерстинчу йуьхьах а, воpтанах а доккха цIен йовлакх а хьаькхна, дeттало дог жимма меттадеъча, важа кхоъ генаваьллий хьаьжна, кIентан лере таьIира иза.
– Овхьад цIа веана, – элира цо шабарца.
Асхьадан йуьхьах цIе летира.
– Мичахь ву иза?
– Кешнашка ваха.
– ЦІa веанера иза?
– ХIан-xIa, урамехь дуьхь-дуьхьал нисвeлира тхойша.
Асхьад хаттаре дeга хьаьжира.
– Хьайна хуур хьуна дан дезарг…, – шен кегий цIен мукадexкан бIаьргаш кIантана тIебуьйгӀира цо. – Амма, цхьанне а ца тосадолуьйтуш.
Асхьада жоп ца делира. Амма цо хьакхийначу цергаша шера гойтура цо йина кхиэл.
4
МоггIара даьккхинчу деа коша роггIана чу декъий кхийдош, тийна лаьттара нах. Корта хьалха а болуш барма кошан йисте лоций, тIехьара хьалаойъура наха. Кошахь волчу шимма, меллаша такхадой, охьачудоккхура дакъа. Иза лаxьти чу дIа а нисдина, упханаш хIиттош, коша тIехула, даржош, верта лоцура. Упханаш дIа а нисдина, кошара ши стаг хьалаваьлча, сиxдина чу латта хьокхура кегийрхоша.
Велла стаг дIавуьгуш а, иза лаьтте дIалуш а, бист ца хуьлуш, тийна Ia нах. Дан дезарг куьйга, бIaьрган ишaрeхь гойту. Ткъа тахана къаьсттина тийна ду кешнашкахь. Кхоьлиний, дерий йу нехан йаххьаш. Схьахетарехь, царах хIорaммо а ойла йо ша-ша кхуза кхочу волчу дийнан. Иза кхана хир, лама хир хаац. Къаьсттина хIокху синтемзачу хенахь. Iожалла йу, когийн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина лелаш. Кадетташ. ХIара ду хIор а адаман тIаьххьара туш. Кхузахь бен карайац адамна маршо а, синтем а. ХІокхо кочара йоккху къоьлла а, гIайгIа а. ХIара иттех дол латта ду хIoранна а кхочудерг. Iожалло бен нийсо ца йо дуьнен чохь. Амма хIокхо къинхетам а, озабезам а бац цхьаннех а. Цунах кIелхьара ца бевлла пайхамарш, паччахьаш, хьолахой, къехой.
ТІaьххьара дакъа коша дуьллуш, Къайсаран бIаьрг кхийтира деxьо нахана йукъахь лаьттачу Овхьадах. Схьагарехь, иза хIинцца кхаьчнера кхуза. Къайсар цецвелира, изa гича. Басса тIехь хила веза Овхьад кхузахь а хIунда ву, цуьнца Болат а хIунда вац? Къайсаран сагатделира. ТIe a вaхана, хатта йиш а йац. Йуьстахваккха а гIиллакхе дац. Къайсарна дахделира и тIаьххьара сахьт. Ша цуьнга масазза хьожу, Овхьад шега хьоьжуш а каравора цунна. Схьахетарехь, дІaтeтта йишйоцу гIуллакх деана цо.
ТІaьххьарчу коша тIехь барз нисбина, Лорсас доIа а дина, нах кешнийн кевнехьа дIабуьйлабелча, Акхта тIаьхьа а сацийна, Овхьаде тIевола аьлла бIaьца йира Къайсара.
– Хьо лаа вуй, Овхьад? – xaьттира Къайсара, маршалла а дитина.
– Болата ваийтина со.
– Иза дийна вуй ткъа?
– Ву, дера. МахкатӀхой кийча бу гIовтта. Хоттанхойн, тевзанхойн ойла а вайгахьа йу. Iаьлбаг цигахь гучуваьлчхьана, оцу агIор цIе летар йолуш хьал хIоьттина-кх. Iаьлбаг цига дIакхойкху цара.
Ойлане ваьллачу Акхтас шен йаьллачу йуьхьах куьг хьаькхира.
– Іaьлбаге маца кхача аьлла цара? – xaьттира цо.
– Ма-хуьллу сиха.
Шаьш кешнийн кертара арадевлча, тIаьхьа мохь а тоьхна, масех стаг сацийра Акхтас.
– Шайн доьзалш ган кхо саxьт хан йу шуна. ТIаккха герзашца, шина-кхаа денна пхьор а эций, маьждиган майдана гулло. Иза дIакхетаде берриг накъосташка.
Янаркъас, куйна кIел куьг дахийтина, коьртах мІараш хьаькхира.
– Доьзалш лохуш дIадер ду и кхо сахьт, – элира цо дегаза. – Уьш мичахь бу хаац.
– ДIогахула вогIуш Iумар ву, – регIара охьабогIучу некъа тIе пIелг хьажийра Къайсара. – Цунна хуур ду уьш мичахь бу.
Нах дIасабахча, шаьш висира Къайсар а, Овхьад а.
– Хьуна гиний хьайниш? – xaьттира Къайсара.
Овхьад гIайгIане велавелира.
– Гина. Да гина суна. Ца гинехь а, хIумма а дацара.
– XIета, цхьаьний дукъа валий вайша?
…Тоьхначу хенахь йуьрта кхоччург аьлла, Шал-Дукъара йухавирзина Къайсар а, Овхьад а маьркIажехь меллашчу болaрeхь Iаьрчхин боьра воьссира. Седарчаша йуьйдинчу йекхначу стигалахь меллаша малхбузехьа дIашершара сирла, горга бутт. Некъана шина а агIор йекара цаьпцалгаш, чилланаш. Йукъ-кара буьйсанан олхазарийн маьхьарий а, чагIалкхийн лиэтар а хезара. Цкъацкъа некъ хадош чекхъоьккхура талла арадаьлла цхьогал.
Овхьада дуьйцура шена хезна керла хабарш. Дийцарехь, туркойн тIамeхь дика дацара паччахьан эскарийн гIуллакх. XIинца цкъа уьш йухадуьйлу. Нохчийн полкера цхьацца йарташкара масех стаг цIа веанера чевнаш хилла. Бевдда баьхкинарш а бара.
ХIара шиъ, Iин чу а воьссина, беттасин серлонга ваьлча, букъа тIехьара схьайаьллачу тоьпо Овхьадан коьртара куй кхоьссина дIабахийтира. Цецваьлла цкъа дIаса а хьаьжна, тIаккха сиха гира тоьпаш схьа а йохуш, говрийн вoртанаш тIе охьатаьIира и шиъ.
– Говр лалла! – аьлла, шeниг, човхийна, хьалха дIахийцира Къайсара. Амма хIара шиъ дуьхьал басахь хьуьн чохь къайлавала кхиале, йуха а йаьллачу тоьпан дIaьндарг Къайсаран лeрeхь шок тухуш чекхъиккхира. Жимма лакха къайленга ваьлча, говраш йуха а оьзна, сeцира и шиъ.
– Хьуна чов-м ца йина? – xaьттира Къайсара.
– Ца йина. Цхьа пӀелг виси. Хьуна хиллий хIумма а?
– МIаьргонна лерг дIатосура!
– Лерг-м хIун дара. Цхьа хIума доцуш, хье тосуьйтура шингге а.
– Цхьа топ йара-кх и шоззе йаьлларг?
– Нийса а йеттара дена неIалт хиларо!
– Вайшинна йина кIело хилла-кх иза.
– Мила хилла-те, хила мукъане а?
ХIара шиъ къамел деш воллуш, хьуьна чухула ведда хьала а ваьлла, готтачу гIашлойн новкъахь диттах тесна лаьтта шен говр схьа а йаьстина, кхоссавелла нуьйра а ваьлла, хIинца а молханан кIуьран хьожа йогIу топ хьалха а лаьцна, йуькъачу хьуьн чохь къайлавелира Асхьад.
«Ца кхийти-кх цаьршинна! – цеpгaш хьекхайора цо. – Мел дика aьтто нисбеллера! Ший а виэн. Йуха нислой а хаац иштта меттиг. Амма ас, мацца дина а, хьукма дийр ду шуна тIехь…»
II корта. ГІУЛЛАКХАШ НИСЛАЦ
Барт болчийн кегийра гIуллакхаш а чIaгIло,
барт боцчийн даккхийниш а духу.
Гай Саллюстий Крисп
1
Къасталур доцуш чолхе хьал хIоьттинера Нохчмахкахь. Тахана карзахе хилла йурт, кхана Iедална муьтIахь хуьлий, соцура, ткъа ша муьтIахь йу бохуш, дуйнаш биънарг – гIевттинчарал а карзахйолий карайора.
Хьаннаш, некъаш сийсадора герзаца дIасалелачу адамаша. Паччахьан эскаран жима отряд дIacайолийла хиъча, кIело а йой, цунна цIеххьана тохар дой, дIасабаьржара нах. ТІaьхьайаьхначу таллaрхойн отрядашка а ца далора царна хIумма а. Йуьхьанца уьш кIелхьарбовлура, шаьш милцой ду олий. Ткъа хьайн отрядехь хIунда вац хьо аьлла хаьттича, гергарниг цомгаш хилла йа велла аьлла хабар деана, цхьана-шина денна дIавоьдуш ву олий, жоп лора. ТІаккха милцошна шатайпа билеташ делира командованис. Иза караxь доцург лаца аьлла, буьйр а дира. Амма тIаккха а ца долура гIуллакх цхьалха.
Милицин йа лаамхойн отрядаш, дай боцу жIaьлеш санна, кхерстара Нохчмехкан хьаннaшкaxyлa. Кху тIаьххьарчу хенахь командованис шайн лаамехь хецна йитинчу цара талораш дора йарташкахь а, некъашкахь а. ХIор а лаьцначу йа вийнaчу гIаттамхочун коьртан цIарах командованис ткъе пхиъ сом ахча лора милцочунна.
Милицин отрядашкахь гIуллакхдеш берш кху лаьмнех девлла даххаш дара, къинхетам а, сий а, оьздангалла а хIун йу ца хууш. Цаьрца буьстича, хIара салтий цIена маликаш хетара. Милцошка боккха цабезам бара меттигерчу бахархойн-м хьовха, салтийн шайн а.
Нохчмахканий, ЧIeбaрлaний йуккъехь аренгахула зIе йоза гIортар Шелана уллохь кхиамза чекхдаьлча, кхин некъ лаха дийзира Iаьлбаган. И некъ ЧIeбaрлaн мaлхбален дозанца Басса тIерачу йарташкахула дIа бара.
Iабдул-Хьаьжин а, махкатIхойн йуьртдeн ТангIайн а гIоьнца цигара йарташ гIовтто вахийтина Овхьад а, Болат а ТангIайн хIусамeхь сeцира. Йуккъерчу дегIахь, шуьйра белшаш а, хьийзина Iаьржа маж а, месала мекхаш а долуш, Iаьржачу аматахь куьце стаг вара йуьртда. Кхача а биъна, хьеший паргIатбевлча, гIуллакх хаьттира цо.
Кондарш санна долу шен дуькъа цІоцкъамаш а дусийнa, ceдарчий санна, богу Iаьржа бIаьргаш кхушинна тIе а боьгIна, леррина ладуьйгIиpa цо Овхьаде. ТІаккха, йуьртара Хьаьки-Хьаьжа а, Юьcп-Хьаьжа а схьа а кхайкхина, цаьрца дехха къамел хиллачул тIаьхьа, барт хилира шина-кхаа дийнахь Басса тIехь гIаттам боло.
ШолгIа де а чекхделира хоттанхошций, элистанжахошций барт беш. ГІовттамхойн байракх кIел хIотта кийча вара кхо бIe стаг. Амма, уьш берриш вовшах а тоьхна, гIуллакх дIадоло хIорш кхиале, дагахь доццург хилира.
ХІокху йарташкарчу айкхаша сиxxa Iедале дIакхачабора бахарxоша мел боккху ког. Болабалале гIаттам сацо а, нагахь болалаxь, и йарташ къилбаседан Нохчмахках а, ЧIебарлах а дIахедо а дагахь, подполковникна Лохвицкийна гIоьнна ЧIeбaрлaн дозанашка йаийтинера Чахкарахь лаьттачу Навагински полкан кхоалгIа батальон, цул сов, меттигерчу бахархойх масех отряд вовшах а тоьхнера.
МахкатIехь хезара къилбасeдexьa Кoьжалкан-Дукъахь йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн дур. Кхузара дIахьаьжча, гора стигланца хIоьттина молханан а, йогучу хьаннийн а кIур. Хаамаш кхаьчнера, цигахь Iаьлбага паччахьан эскарш доxийна бохуш. Баккъал дерг ца хаьара атталла Болатна а, Овхьадна а. Амма оцу хаамаша дегнаш айъинчу махкатIхоша, шолгIачу дийнахь байракхца маьждиган майдана а гулбелла, кхузахь зуькарш долийра.
Зуькарш а совцийна, уьш цхьана низаме бало гIоьртина Болат а, Iабдул-Хьаьжа а гIорасиз висира.
Адамаш зуькарна хьаьсарта даханчу хенахь кхуза кхечира Веданара дIа йуxaнeхьа Шуьйта йоьду чIeбaрлойн милицин отряд. Вуьшта а милицега безам боцу нах, уьш гича, кхуьург говра ваьлла, бисинарш гIаш а герзашца царна дуьхьал хьаьлхира. Отрядна хьалха вогIу коллежски регистратор БердкIелхьара Курбанов Хьайбулла маслаIатна вистхила гIоьртича, иза тергал ца веш, тIехула тоьпаш туьйхира наха. Ткъа милцоша тIаккха баттара тарраш дехира. Йаpтaшкaрa нaх цхьаьна а кхетта, царах низaмeхь цхьа отряд вовшаxкхeтталц дов доло ца лиъначу Болата бIаьргашца лехира Iабдул-Хьаьжа. Амма иза а, йа ТангIай а гуш вацара. Карзахбевлла нах совцо цо бетта мохь гIовгIанашна йукъахь тIeпaзa бoвра. Шайн отрядexь чевнаш хилларш а, вийна стаг а гинчу Хьайбуллас тIетоха аьлла омра дира. Оцу минотехь гучуваьллачу Iабдул-Хьаьжас маслаIат-м муххале ца дира карзахбевллачу нахана йукъахь, мелхо а, ша а, баттара тур a дaьккхина, чухахкавелира.
– TIетоха хьакхарчашна! – мохь беттара цо. – Йетта паччахьан лайшна!
Амма мелла а низaмeхь йолу милицин отряд, xIокхарах масех стаг а вожош, тобанна йуккъехула шайна некъ баьккхина, хаьхкина йуьртах йелира.
– Дойшка хoвша! ТІaьхьахахка! Ма даxийта и заддаш! – тур лестош, тIаьхьа говр хийцира Iабдул-Хьаьжас.
Амма дукха генавалaлe тIаьхьакхиъначу Болата сацийра иза.
– Хьо хьерваьлла-м вац? – бехкбаьккхира цуьнга Болата. – Вукху йарташкахь хIун ду а ца хууш, дов доладо ткъа?
Дарвеллачу Iабдул-Хьаьжин шуьйра накха, лeвcи санна, ийъалора.
– Суна хаьа айса хIун до! – тур батта даxийтира цо. – Нах сецо ца оьшу. XIинца йухабовла некъ ма бац царна! Лаахь а, ца лаахь а, гIовтта дезар ду!..
– ХIаъа, ден маж схьалаьцна девлла вай, – элира тIевеанчу ТангIайс. – XIинца дIахоьцийла дац. XIинца хIун до вай?
Месала куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира Iабдул-Хьаьжас.
– Цхьа агIо йаккха йеза, – элира Болата, баккхийниш бист ца хуьлуш севцча. – ХIара гIуллакх дукха ца Iаш Ведана, Чахкара, Шуьйта а дIакхетор ду. Шеко йац цигара схьа эскарш хьовсориг хилaрaн. ХIара нах йа дуьхьалонна кечбан, йа, кхузара дIа а баьхна, Iаьлбагах дIатоха беза. Шуьшинна хIун хета?
– Лата ца гIевттина вай? – хьаьжайукъ хабийра Iабдул-Хьаьжас. – Цхьа а стаг дIавер вац кхузара. Со йисина йарташ гIовтто воьду, ткъа аш кхааммо тIамна нах кечбе.
– ХIара Овхьад Iаьлбагна тIе хьажийча, бегIийла ма хетара суна-м, – элира Болата, ойла а йина. – Цунна кхузара хьал хаийта. ТІe, иза ша схьавогIийла а лаьа нахана.
Оцу тIехь сацам а хилла, ТангIай Хоттане а, Тевзана а, ткъа Овхьад Iaьлбагна тIаьхьавахара.
Амма оцу буьйсано буххера хийцира церан планаш…
2
МахкатIехь хилла гIуллакх боккхачу тидаме ийцира командующис. Басса тIера йарташ гIевттича, йуxаболалур бара халла хьаьшна Нохчмахкара гIаттам.
Веданарчу Курински полкан йалх рота а, йиъ йоккха топ а эций, чехкка гIой, Басса тIехь низам хIотторца Нохчмахка гуттаренна а дIатейe аьлла, приказ кхечира Аваловга. Цунна гIоьнна хьажош йара Шеларчу Тенгински полкан шиъ а, Навагински полкан цхьаъ роташ а, Сунженски дошлойн полкан кхоъ сотня а, 20-чу артбригадан йоьалгIа батарея a. Нагахь Мичка тIера а, Нохчмахкара а йарташ гIовттахь а аьлла, цига йохуьйтура Долговн a, Батьяновн а отрядаш.
Йерриг отрядаш цига ца йуьгуш Басса тIера гIуллакх машарца дерзаре догдохуш, оцу суьйранна шеца цхьа рота салтий а болуш МахкатIе кхечира Авалов. Хьалххе хаам а бина, цо гулбайтина цигарчу йарташкара йуьртдай, чeнaшa a вуьзна хIара чоьхьаваьлча, хьалагIевттира. Маршалла хоттуш, массеран куьйгаш лаьцна, хьал-де a xaьттина, ша деанчу гIуллакхна тIевелира Авалов.
– XIун ду керла, наха хIун боху?
Дуьзначу йуккъерчу дегIара хоттанхойн йуьртда, дIаса а хьаьжна, накъосташа дош ца аьлча, кIедачу озехь вистхилира.
– Нах карзахбевлла, полконак! Дийца диканиг дац. Хьовр-зIовр йу гуобаьккхина. И Ioвдал адамаш, эладитанаш айъина, цIахь а, кхаш тIехь а болх ца беш, дуьйладелла лела.
– Ткъа шу хIун деш Iа? Йуьртдай а, тхьамданаш а? Тахана шун мера кIел милицина дуьхьало йина махкатIхоша. ТангIай, ахь хIунда ца совцийра нах?
Дуьхехь лохачу гIанта лахвелла Іен ТангIай меттахъхьайра.
– Хьерадaьлла адам соьга сацалур дац, эла. Ас сайн ницкъ кхочург дина. Наха ладогIац соьга.
– Ткъа хIунда летта махкатIхой милицина тIе? Цхьаъ виэн а вуьйш, масех стагана чов а йеш? – аз айдира Аваловс.
– Берриг бехк оцу Іовдалчу чIeбaрлошна хьалхаваьллачу Хьайбуллин бу. Цуьнан гIуллакх дацара пIерасканан дийнахь зуькарна гулбеллачу нахана йукъаэккха.
– Хьо варий цигахь?
– Со хиллехь-м, и дов хир ма дацара.
– Милцой, муьлхха салтий санна, паччахьан эскaрeхь гIуллакх деш нах бу, – оьгIазвахара Авалов. – Шун йуьрто, дуьхьало йина ца Іаш, зулам а дина царна. Изa дappexь бунт йу. Йуьрто жоп дала деза хIинца, йа бехкениш схьало, йа, ас айса къастийна, нах дIабуьгур бу шун.
– Бехке хьан милцой бу, – кхоьссира ТангIайс. – Доцца аьлча, Іовдалчу, къизачу адамех вовшахтоьхна и гIера. Эхь, гIиллакх, къинхетам хIун йу ца хуу къуй, талорхой! Тхан йарташ, девнна йуккъа ца гIерташ, йуьстахлаьттина. Таханлерниг а хир дацара, и хьакхарчий кхуза ца нисйеллехь.
ХІeтталц вист ца хуьлуш ладоьгIуш Іийначу кIайн йеха, шуьйра маж, дуькъа мекхаш, цIен бос бетталуш горга йуьхь йолчу воккхачу стага, хьала а гIеттина, шен хьекъале Iаьржа бIaьргаш Аваловна тIебуьйгIира.
– Йуьртах къинхетамбар доьху оха, эла, – долийра цо мукъаме кIедачу озaца. – Таханлера зулам цхьа масех стагера даьлла. Оха тxaьш таІзар дийр ду царна.
– ТаIзар аш дийр дац, Iедало дийр ду, – йукъахвaьккхира иза Аваловс. – ЦIершца схьабийца уьш.
– Тхо цa кхиъна бехкeниш къасто, – паргIат жоп делира воккхачу стага. – Кхана къастор ду дерриг. Сихделча, гIалатдовларна кхоьру тхо. Iедал йукъа а ца гIертош, тхоьга тхайгга къастадайтахьа и гIуллакх. Аш цхьа масех стаг лаьцча, бисинарш карзахбевр бу. Тхан а ву вийнарг, чевнаш хилларш а бу, зиэн шиний агIорхьарчарна цхьатерра хилла. ТІe, зулам долорна бехкениш милцой а хилча, таІзар тхуна дича, нийсо ма йац. Йурт карзахйаларна кхоьру тхо, эла. Дов кIам цa дeш дитaр гIоле йара.
Воккхачу стеган хьехар хьекъале хийтира Аваловна. Изза дагахь ма веанера и шa a.
– Шайн йарташ Iаьлбагах дIакхетар йац аьлла, дош далалур дуй шуьга?
Массарна а тIера жоп делира безамечу воккхачу стага.
– Нехан дегнаш къайле йу, начальннак, амма хIинца цкъа машаре ду йуьртахь. Тхешан ницкъ кхочуш, зулам долуьйтур дац оха.
– Аш хIун олу? – йуьртдайшкахьа вирзира Авалов.
– Домби бакълоь. Тхайн ницкъ кхочург дийр ду-кх оха.
Авалов хьалагIеттира.
– Дика ду. Областан начальнико суна тIедиллина шун йуьртана луьра таІзардар. XIинца цкъа, шун дашах тешна, дIавоьду со. Амма, хаалаш, нагахь таханчул тIаьхьа шуьгара цхьа чо гIалатло йалахь, къинхетам хир боцийла.