bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

БІaьн новкъа парггIат Яьсси чу йоьссина гIудалкх, цкъа кIедачу гIaмaрлахула тата доцуш, йуха жагIа цIийзош, тIаккха хи чуьрчу тIулгаш тIехь кхийсалуш, дехьайаьлча, говрашка йорт эцийтира Васала.

Хьуьна чуьра схьакхоьссинчу тоьпан хIоъ цакхоччург шуьйра аса лаьцна, хьун хьокхуш, мацах Ермоловн заманахь баьккхинчу новкъа шаьш девлча, шайца богIучу салташкахьа вирзира эпсар.

– Мичхьара ву шуьшиъ?

– Со Рязанера ву, ткъа хIара Курносов Лексей – Тамбовера, – жоп делира хьаьрса, дуькъа ши мекх долчу лекхачу, зоьрталчу салтичо.

– XIета, вайша-м цхьамахкахо ву. Дукха хан йуй шуьшиъ Кавказехь гIуллакх деш волу?

– КхоалгIа шо.

– ГІуллакх муха дIaдоьду?

– Далла бу хастам, балхам ца бо оха.

Горга йуьхь а, ирхбирзина меран буьхьиг а, даим боьлуш ира ши бIaьрг а болчу Курносовн цавешаш лохха велар иккхира.

– ЦІaхь зударий буй шун?

– Бац, – шого жоп делира хьалхарчо.

Курносовс къайллах чоже пхьаьрсан гола Іоьттира накъостина.

– Нускалш-м ду тхойшиннен. Нагахь, Делан Іожалла ца хуьлуш, цIа верзахь, ловзарш дийр ду, – элира цо.

– Шуьшинга хьоьжур йуй ткъа и шиъ?

– Дала хьеха! Тхойшинга ладегIа собар ца хилахь, шайтIанан маIашна тIе гIахьара уьш.

– Къонах ву салти-м! Ткъа хьан цIе хIун йу? – зоьрталчу салтичунна тIевирзира капитан.

– Попов Елисей.

– Ден цIе?

– Иваныч.

– TIаккха, Елисей Иваныч, нохчашца йукъаметтиг муха йу шун?

Поповс мерах шок туьйхира:

– Дика йу-кх. Тхо санна, адамаш дац уьш?

Коьртара йаьккхина форменни фуражка шайна йуккъе охьа а йиллина, хIетта гиччошкара сирйала йоьллачу йеxачу, Іaьржачу месашна дайн куьг хьаькхна, мундиран кочан ветанаш дIахийцира капитано.

– Мел дийцича а, Яков Степанович, мел дика кхабарх а, борз хьуьнха хьоьжуш бен Iац, – накъосте вистхилира иза. – Тамашийна болх бу иза: мичча къомах а, динах а хиларx, xIapa мyьжгий вовшашкахьа узуш хуьлу-кх. Хезирий хьуна, кхара дийцарехь-м, и нохчий маликаш деца? Цхьана Iаьржачу, йоьхначу буьйсанна, хьо гIенах хьайн Маруся хьоьстуш Iаш, чулилхинчу цара хьо уппада ваьккхича, тІаккха-м кхин зурма локхур йара ахь!

Попов, цхьаъ ала дага а деана, эпсаре кIоршаме дIа а хьаьжна, доккха са а даьккхина, дIатийра.

– Дийцал ахь майрра, цхьацца дуьйцуш ца бацбича, беха некъ бу вай бан безарг. Со кхузахь керла стаг ма вy, кху мехкан хьал, гIуллакхаш ца хууш.

– Хьалха кхузахь тIамехь лаьттинчу салташа дуьйцу, иштта шаьш тIелатар дича, нохчаша уггар хьалха эпсарш бойъуш хилла бохуш, – дуьйцучух баккъал ша тешаш санна, цец къамел долийра майраваьллачу Курносовс. – Ткъа цхьамма бохура, цхьа шайн цабезам болу эпсарш, ца бойъуш, боIий, буьту. Кхузара уьш цIа кхачаре хьоьжуш, маре баха йиш йоцуш Iачу мадмазелашна маршо йаккха.

– ДІаэца хьайна, капитан! – гIадвахана велавелира Яков Степанович. – ХIара салтий хьуна ма-моьтту аьрта а бац хьуна.

– Мекара жIaьлеш ду! Ахархойх вуй шуьшиъ?

– Bу, дера. Дворянех велхьара, хир варий тхойша хIара тоьпан гIуйнаш ги а доьхкина лелаш?

Курносовс йуха а чоже гола Іоьттира накъостна.

– Вуьшта, Яков Степанович, цхьа пхийтта-йалхитта шо хьалха, дийнна рота салтий уллохь боцуш кху некъашкахула дIасаваха кхераме ду-м, бохура. Ткъа хIинца маршо йу! Вайн Iедало шайн разбойникийн амалш а йитийтина хIокхаьрга. Кху Нохчийчу кхаьччахьана, цхьа а нохчо ца гина суна герз караxь. Гой хьуна хIара вайна уллохь Iийриг? Сакхате пхьарс, лога тIера муо. Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и ши чов цунна цхьанхьа къолах вахча йина аьлла!

«Кху цхьанна тIехь-м гIалат а дац хьо, жIаьла», – дагахь йаппарш йира Васала. Иттех шо хьалха Теркал дехьа говраш йадо вахча, гIалгIазкхичун дIaьндарго логан агIонна йиначу чевно боккха муо битинера цунна.

– Баккъал а, господин капитан, ма боккха болх бу-кх оцу мискачу нохчашкахьа болу хьан цабезам, – корта хьовзийра Яков Степановича. – Мичара баьлла хьуна иза, бала мукъане а?

– ОххIай, цунна бахьанаш дуккха а ду сан. Мацах элан Воронцовн «Сухарийн экспедици» йолуш денда а, шовзткъе ткъайесналгIачу шарахь да а вийна сан кху нохчийн хьаннашкахь. Дукха дац иза?

Яков Степановича, жимма ойла а йина, жоп делира:

– Нохчаша шайн маршонехьа къийсира.

– Воккха либерал ваний хьо, господин Абросимов! – цуьнан белша тIe куьг тухуш, гIадвахана велавелира капитан. – Нуьцкъалчо бакъо маца лeхна? ГIийлачо бен цa лохий изa-м. Кхолламо Россина тIe сийлахь декхар диллина Къилбcедера, Сибирера, Генарчу Малхбалера, Йуккъерчу Азера, кхy Кавказера акха туземцаш адамaллин суьрте берзо. ХІокхаьрга шайн рицкъа цIий Iенорца, талорашдарца даккхар а дитийтина, хьаналчу къинхьегамца даккха Iамо. Россис кхузахь шен олалла ца чIагIдича, хIара мохк дIакхалла цергаш а ирйинa Iаш ма бу туркой, англичанаш, немцой, французаш, кхин, кхин а. Вай царал оьшу ткъа? Вай дуьненaн дaй хила хьакъ лору ас.

Яков Степановича гIайгIане корта ластийра:

– Вайн сийначу мундирийн хьере ойланаш! Ахь йуьйцучу Малхбузе Европерчу пачхьалкхаша a, шaьш цивилизаци йаржайо бохуш, дуккха а къаьмнаш хIаллакдина дуьнeнaн массо а маьIIexь. Царал дукха тIаьхьа ца йисина вайн правительство а. Кавказера ах миллион сов адам, махках даьккхина, Турце кхалхий. Зударий, бераш, къенаниш а. Церан кхоллам ца хууш хир вац хьо. Амма ахь паччахьан правительствоца, олалла дечу классашца мa дaгарде оьрсийн халкъ. Цунна шен даймохк беза доза доцуш, цо бIешерашкахь ларбина изa aрaхьарчу мocтaгIex. Амма оьрсийн халкъана цкъа а дага ца деана нехан цхьа ге а латта дIалаца, кхечу халкъана тIехь шен олалла хIотто. ТIe, ша а доллу иза олалла дечу классийн Iазапна кIел. Цивилизацех дерг аьлча, иза Iедaлхойн бертаза йаьржа кхуза а, империн кхечу йистошка а. Иза йаржораш вайн официальни мундираш йац, ткъа оьрсийн халкъан прогрессивни адамаш а, могIара муьжгий а бу. Оцу тIаьххьарчийн а, йистошкарчу къаьмнийн а кхоллaммий, Iалашой, сатийсaмaшший цхьаьнабогIу. Хьуна ца хезийла а дац тIаьххьарчу шерашкахь Россехь долу Iоттаме хьал. Массо маьIIexь – ун. Поволжьехь – мацалла. MaьI-мaьIIeхь – ахархойн дуьхьалонаш. ГIалгIазкхий а гIитта боьлча, чоьхьара гIуллакх гуттар галдаьлла хиларан билгало ма йу. ДIадаханчу шарахь Свaнeтeхь а, кху Нохчийчохь а хилла гIаттам. Азербайджанан ахархой шайн бекашна дуьхьалбевлла. Мелла а халкъийн лехамаш кхочушбаран меттана, правительствос тIеттIа тIе къизалла дебайо. Цундела тахана Росси вай дала кечделлачу накхармозех тарйелла.

– Вай дала гIевттина накхармозий дIатоь, тIе кIеззиг хи ма тоьххинехь. Йукъ-йукъара цхьа масех хьалаоьлличхьана, бисинарш дIатуьйр бу.

– Ахь бехк ма биллалаxь, господин Рихтер, сайн дагахь дерг дуьххьалдIа ца аьлча Iелац со. Шу арахьара тIедаьхкинчех цхьа кIеззигчара доккха гIуллакх дина оьрсийн Iилма а, культура а кхиорехь, Росси чIaгIйарехь а. Амма дукхахберш биэндоцуш хьуьйсу тхан кхолламе. Схьа а богIий, шайна тxox йаккхалург а йоккхий, дIабоьлху. ТIe, тхо сонта а, акха а хета.

Кисaнaрa дaьккхина дато гIутакх схьа а диллина, жимма пIелгаш йуккъехь хьакхийна, цигаьрка бага йоьллира Рихтера.

– Аш кхайкхича, баьхкина тхан дай кхуза, – боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, дIахийцира цо. – Ткъа аш а цадевллачу денна кхойкхура уьш. Суна хетарехь, тxох цуьрриг а зиэн а ца даьлла Россина. Нагахь вайшиннан идейни хьежамаш башх-башха белахь, иза со немцойх схьавалар дац. Ахь буьйцу «арахьара тIебаьхкинарш» цхьа процент а хир бац Россехь. Ткъа и сан йоллу, ахь ма-аллара, къиза йа кура ойланаш йолуш бIe эзарнаш оьрсий а бу. Нагахь сан ойла харц йелахь, иза ас цаьргара схьаэцна-кх.

Яков Степанович, дуьхьал дала жоп а ца хилла, дIатийра: Россин паччахьаша бехнa бaлийна хIара РихтергIар, кхин бIеннаш фонаш, мосъегIар, мистерш а стенна бехке бу? Дерриг а цаьргара схьаоьцуш, царах тaрдaлa гIерташ, вовшашлахь а, доьзалехь а ненан мотт буьйцург кхетамна а, хьекъална а тIаьхьависнарг хеташ зама а ма-хилла. Революци, демократи хьахийнарг хьераваьлларг а лоруш.

Шина оьрсичун къамелах хIара ду аьлла пайдениг ца хезира Васална. Йерриг а дегайовхо хьалха гучу Хаси-Юьртан гIопехь йара. Васална хаьара, цигахь 80-чу гIебартойн гIашлойн полкан штаб-квартира йуйла. Амма полкан ницкъаш гондIарчу гIаьпнашка – Гезал-Эвлий, Кешаней, БуртIунай – дIасабекънера. Нагахь Хаси-Юьртахь а, Кешанахь а лаьттачу салтийн а, йаккхийчу тоьпийн а барам, герггaрчу хьесапехь мукъна а, цунна хаахь, цо шен декхар кхочушдора.

– Халахета вайшиъ цхьаьна кIезиг хилар. Муьлхачу газетана гIуллакх деш ву хьо? – xaьттира капитано, шаьш гIопе кхочуш.

– Со тIелоццучунна.

– XIета, цхьанна тIехь хьан цIе гаре догдохийла йу сан-м?

– Хьанна хаьа, кхолламо хIун кечдина…

V корта. ЦIАВЕРЗАР

Ирсечийн шорта ду беркат –

Буьзча а, уьш йууш бу.

Ткъа миска даймехкан бераш

Мацалла диэнна леш ду.

Ш. Петефи

1

Симсарара цIа вирзича, цхьана минотана а мукъа вацара Къайсар. ГIаттам гергагIоьртича, Болатна зуда йалор сихдира цо. Болат йухагIертара: «Со къийсaмexь вожахь… TIаккха, стенна оьшу зуда? Цхьа жоьра зуда алсамйаккхий? Нагахь доьзалхо хилахь, буо дуьнен чу даккхий? Айзина, Эсетна, Ковсарна уллохь кхин цхьаъ декъаза зуда йитий?» – ойла йора цо.

– ХIан-xIa, Къайсар, цa оьшу. Вайн гIуллакхах цхьа агIо йаьлча а, кхуьур ву со зуда йало. Сан ткъе пхи шо бен дац. Кхуьур ву.

Ша боxучунна и тIeвeрзо ницкъ ца кхаьчна, зударий тIетийсира цунна Къайсара. Кхаа зудчо, цхьацца агIop хиъна, цкъа доьхуш, йуха барт бетташ, тIаккха боьлхуш, йукъаверзийна иза, эххар а берта валийра.

– ХIан, дика ду, аш боxург дер вай, – ши куьг дIасатесира Болата. – Зуда йалийчхьана, тоьу? ЦІa-цІе, ков-керт а ца йеза? Вай мича йуьгу иза?

– Cоьца Iийр ду шу! – элира Айзас.

– XIан-хIа, хьо шина кIантаца готтехь йоллу, со йолчохь Iийр бу хIорш! – сацийра иза Ковсара.

– Шуьшиннан-м шишша бер а дара, ткъа сой, Мохьмаддий тxaьшша, убарш санна, доллу, – бохура Эсета.

Кхаа зудчун къийсaмaшка ла а дегIна, царна йуккъexь маслаIат дира Къайсара.

 

– Гора, зударий, йаI! Ма дуьйцу-кха аш, дийца ткъа! И Деши шу лардан йогIу, моьтту шуна? Шайн цхьацца цIа бен цахилар дицдина. Йетт эцале, кхаба эцна бохург ду аш дуьйцург. Цкъа хьалха и Деши вайга йан реза йуй хьовса вай? – забар йира Къайсара.

– И хIунда ца йогIу?

– Tхан кIантал хазаниг мичахь ву?

– Ирча ву, сакхат ву?

– Къонах вац?

Къайсар а, Болат а гIадвахана воьлура.

– Вац, дера, шуьга хаьттича-м, xIокхул хаза а, дика а къонах. Амма Дешина муха хета-те?

– Везаш леш йоллу!

– Мел хазахета цунна тхо гича!

– Вайн кIант хьахийча, йеший, дIайолу-кх!

– Ой, и гIуллакх аш ма-дуьйццу делаxь-м, Iойла а ма дац! – элира Къайсара.

Берриг тоxабелла, оршот буса Болатна Деши йалийра цара. ЙоьIан дас, хабарш ца дуьйцуьйтуш, атта дерзийра хIокхеран гIуллакх. Йоссo нeхан эвла а ца йигийтира. Къонaчийн цIенош кечдаллалц, КъайсаргIаьргахь дитира нускал. Там а ца баьккхира Даргас.

Болатан гергара нах бац Гати-Юьртахь. Амма иза ша дика кIант хиларна, дукхавезара массарна а.

Зуда йалийначу шолгIачу Iуьйранна сатосcучу хенахь Болат Шела хьажийнера Къайсара. Iаьлбага тIедиллина декхар дара кхочушдан дезаш. Эрсанахь, Чахкараxь, УстаргIардойн-Эвлахь болу тIеман ницкъаш таллий, сихха цIа верза аьлла, вахийтина иза цIа ца вогIуш кхо де а даьллера. Iуьйранна регIа ваьлла, ирзо шордеш, жимма болх бина, делкъан ламазна цIа веара Къайсар. БІaьргашна тIеоьзна йовлакх тиллина, кертан араxь цхьацца гIуллакахаш деш хьийзара Деши. ХІокху кхаа дийнахь виллина дIа нускал долчохь хуьлу Мохьмад а вара цунна гIо деш. Къайсар гучуваьлча, дуьхьалйеанчу Дешис цуьнан карара диг дIаийцира.

– Муха ду гIуллакхаш? Сагатлой? – xaьттира Къайсара.

– Ца гатло… Хьо ма хьалхе веа?

– Доккха гIуллакх дацара сан-м… ХIара чохь йуй?

– Йац. HaнaгIaьрга йахана… Меца вуй хьо?

– Борз санна!

Сискал а, шийла йетшура а йиъна, ЭсетгIаьрга вахара Къайсар. Пенийн шира хьахарш охьа а дегийна, керлa пoппарш хьаьхнера цIеношна. Тахана тхов тIе керла цIенкъа йуьллуш бохкура зударий. Керташкарчу зударел сов кхузахь гIо деш бара Янаркъин зуда a, кхин масех а.

– Ирс долуш хуьлда вайн! – элира цо, тIе а вахана.

– Дела реза хуьлда…

– Шу ма хаза дохку!

– Муха ца дохку? Сила волчу дикачу кIантана сила йолу хаза йоI йалийча!..

– ХIорш-м хала доцуш гIуллакхаш дара, Къайсар, – элира Айзас. – Эцца тIехьа шортта хьаьрса поппар бу. БердакIел – шортта кир а. Яьсси чохь можа гIум а йу. Керт йу-кх вайн йоьхна. Вай IалагIожа вовшахтоьхча, бераша харцор йу-кх иза.

– Цул атта гIуллакх данне а дац. Хьуьнхахь шортта серий, хьокхий ду, мукъа лаьтташ вайн божарий а бу. Лама керла керт хир йу кхузахь. Чухула хIун дина аш?

– Чохь дерг дина девлла тхо. Хьожий хьо?

Къайсар а эцна, цIа чу йахара Айза. Пенаш а, тхов а къагийнеpa кeрла кир а тоьхна. Пенийн лаxенца, нийса сиз доккхуш, можа гIум хьаькхнера. Терхеш тIе хIиттийна кхийран пхьегIаш, неIapexь цIенкъа хIоттийна цIестан кIудал йара. Маьнги тIе тесна а, баьрччexь пенах тоьхна а цIена къорза ши истaнг дара.

– Истангаш Эсетий, Ковсарий делла. КІудал Маккас йеана. ХIара мотт-гIайба ас тарйина, – совгIаташ дагардира Айзас.

– ПхьегIаш ма кIезиг йу вайн?

– Уьш-м хир йара. Ловзарга богIучу зударша йохьур йу.

– Ловзар дан сацийна аш?

– Дера, Къайсар, и Болат тхаьш вина велахьара-м, и IалагIожа йийр ма йацара оха, – доккxa сaдaьккхира Айзас. – Болат цхьа-а стаг ма ву… Да-нана, йиша-ваша доцуш. Шен нах хиллехь, гIуллакх иштта атта доьрзур дацара бохург цунна дагадарна а кхоьру. Сан йетт а буьйр бу вай.

– Дера, буьйр бац цхьа болу хьан цхьа йетт-м, – сaцамболлуш дош элира Къайсара. – Оцу тIе даьлча-м, Болатан доттагIий бу, хIуъу дан а, листа а карахдер долуш. Аш шайн зударийн гIуллакхаш де, ткъа ловзарх дерг ас сайна тIелоцу.

«ТIелацам бар-м атта хилира сан, амма и кхочушбар муха хир хаац-кх», – ойла йора Къайсара, ураме ваьлча. Ойланца шен доттагIийн хIусaмaшкaхула, божалшкаxула, гIотанашкахула волавелира иза. Юсупaн кeртахь пхи-йалх газа бен йац. Янаркъа жимма гIоле ву: Iаспаран4 тайпа йелахь а, тIехууш говр а, цхьа аьттан цІоьллак а йу цуьнан. Аьрсамирза а, БІaьштиг а, Лорса а цуьрриг зовкх хьоьгуш вац. Уьш а стохка-лурчах бахахeвшина. Важа бисина йуьртахой оццу хьолехь бохку. Iаьлбаге гIо дехча? Хьалдолуш бацахь а, къен бац уьш. Кхин дацахь а, иттех корта даьхний, говраш, гIеххьачул жа а ма ду оцу вежарийн. Амма, нехан йуьрта а вахана, гIо муха доьхур ду? Iаьлбага-м кхоор дацара шен са а. Цхьа некъ ца лехча-м валац».

Оцу ойланашца вахана Янаркъин кетIа хIоьттира Къайсар.

2

КетIахь, гоьллец хечин когаш хьалабина, цIийвелла, дечкан хьостамех ловзуш воллура Янаркъин кIант Темуркъа а, Дасин Тасу а.

– ЦІaxь вуй дада? – xaьттира Къайсара, ша тергал ца веш хьаьсарта вахана воллучу Темуркъе.

– Вац, – хьала а таьІна, охьайахана хеча цІонге кхаччалц хьалауьйзира кIанта.

– Стенга вахана?

– Хаац.

– Хьо оьгIазе ма ву, Темуркъа? Эшийна-те?

– Йалх хьостам баьккхина ас, – курра корта хьала а тесна, оллайелла марш хьала а оьзна, мера чохь къайлайаьккхира Тасус.

Гома Тасуга хьаьжира Темуркъа.

– ДІайалахьа, маршокка! Хьостамаш йу ахь йаьхнарш? ХIара чIешалгаш!

– Делахь, хьайн диканиш схьада!

– Диканиш ловзадо хьоьца?

– Вахьац!

Ши кIант дов деш а витина, АьрсамирзагIаьрга вахара Къайсар. Цхьадика, цигахь карийра цунна Янаркъа а, Лорса а.

Кертан ара кхема а хIоттийна, неI хьуьйш воллура уьш кхоъ.

– Ирс долуш хуьлда шун!

– Дела реза хуьлда! Марша вогIийла хьо, Къайсар!

– Схьалол соьга, жимма хьацар даккха ас.

Йуьхьана векъана велахь а, пхьаьрсашкахь ницкъ болчу Къайсара кхемин гIаж таIийча, нeI кIел лаьцна, кхемин бух тIе хиъна Iен Янаркъа, кхоссавелла дIахаьрцира.

– Ой, хьо ма вала дакъаза, меллаша лелахьа! – велар а оьккхуш, мохь белира цуьнан.

– Кхин а цхьаъ тIехаа!

Вахана, Янаркъина тIехьа кхемин бух тIе хIоьттира Лорса.

– ЧIoгIa Iелаш!

– ГIаж ма кагйелахь, Къайсар!

КIаддаллалц неI xьийна, шаьш паргIатдевлча, шегара бала балхийра Къайсара. КІeлхьардoвла некъ карийра Янаркъина.

– Суна хаьа вай дан дезарг, – элира цо ши бIaьрг серла а баьккхина. – И бежана эца магац?

– Мегара, дера, ахча делхьара-м.

– Ахча долуш ду.

– Мичахь?

– Яьсси чохь.

Даим санна, Янаркъас забар йо моьттуш, бийлабелира доттагIий.

– Делхьа, Янаркъа, ма хьан забарш ца оьшура суна, – элира Къайсара, корта а ластийна.

– Ас-м забар ца йо. Селхана Асхьад вара-кх шайна хьер йуьллучохь болх бан нах лоьхуш.

– XIун ло цо? – ойла а йина, хаьттира Къайсара.

– Хьанна хаьа, – бат саттийра Янаркъас. – Цаьргахьа сан боцчу безамна, дуьхе кхиа а ца гIоьртира со-м

– Кхин накъостий хир барий-те?

– Васал, Юсуп, МIaьчиг а хир ву.

– Къанвелла лаьттачу Васалий, МІaьчагий дан хIума-м дацара цигахь.

– Дика ду, – хьалагIеттира Къайсар. – Меха тIехь тахь, цхьана дийнахь белхий а бер вай. Ткъех стаг атта гуллур ву. Дуьло ХортIагIаьрга.

ХортIагIеран цIахь цуьнан кхоалгIа кIант Овхьад карийра царна. Асхьад чохь вацара.

Лекхо-дуткъачу дегIара, хIинцале а тIера тила доьлла лекха хьаж, ойлане хьажар долу Овхьад тIекареваьлла хьаьвзира. Дехарх, хIорш чу ца баьхкича, гIуллакх хаьттира цо.

– ХортIица гIуллакх хилла ма даьхкинера тхо-м.

– ЦІахь вац-кх иза. Ведана вaханий-те, моьтту суна.

– Асхьад?

– И хьер йечу вaхaнa хила там бу. Ас дан мегаш дац шун гIуллакх?

– Хьоьца дийца а тарло иза-м.

– Шуна хьер йуьллуш болх бан нах беза бохуш, хезнера тxyна. Мах муха бу-те шун?

Овхьадан йуьхь цIийелира. Шен хенара кегий нах шайн керта мехах болх беха баьхкича, эхь хеттера цунна.

– Делхьа, Къайсар, аш бехк ма биллалаш, и гIуллакхаш суна хаа ма ца хаьа. И хьер йуьллучу гIойша, цигахь Асхьад хир ву шуна.

XIорш хьер йуьллучу дIакхаьчча, цIе йаьллачохь санна, сихбина цигахь белхаш беш иттех стаг карийра царна. Меттиг aьтто болчохь хаьржинера Андрейс. Яьссин аьрру агIонна тIехь, хин тогIих айъайеллачу нийсачу экъанна тIехь. Экъанан лаха йисттехь таьIна, боккха боцуш боьра бара. Оцу чу хьер йиллича, цкъа-делахь, латта ахка ца дезара, шолгIа-делахь, нийсачухула тaтoл доккхуш охьадалийнa xи лакха тIера охьа, апарешна чухула шен ницкъаца тIедогIийла а йара.

ХIара меттиг а хаьржина, дIаваханера Андрей. Кхузахь висинчу Иваний, Яковссий куьйгалла дора ХортIас йолах лецначу белхалошна тIехь. XIинцале тIулган нийсачу экъанех стомма барxI ког болийнера. Улло бай тIехь дIахерцийнa пoпaн, ножан нийса ханнаш дара. Уьш цоьстуш, шардеш воллура Яков а, кхин кхоъ стаг а. Дехьо бай тIе охьабиллина бара тобаза хьеран боккха йалх тIулг.

Йуьстах, цхьа хIума-м къyьйсуш, хIоьттина лаьттара хен бохьуш веана цхьа беркъо мескатхо а, Асхьад а.

– Ши эппаза ду хьуна, – багах шетийн дарц туьйсуш, мохь хьоькхура Асхьада. – Совнаха кепек а лур йац.

– Ши эппаза боxург хIун ду, ва Асхьад? – ши куьг хьалха а кховдийна, дехаре бIаьра хьоьжура важа. – ХIара хен хадош а, схьабан гIерташ а ас кхаа дийнахь къа ма хьегна! ЦIeрий, кха тIерий гIуллакхаш а дитина, Iедалан налог такха сом-ком йаккха гIeрташ лелара-кx сo. Кхо эппаз мукъане а лохьа…

– Кепек а лур йац кхин!

– Ой, бусалба вац хьо, ма лехьа харц!..

– Бусалба вара бохуш, ас хьуна ахча дала-м ца деза?

ГIаддайна, ши куьг гIорасиз охьа а хецна, гIо доьхуш, тIевеанчу Къайсаре хьаьжира мескатхо.

– Хьажахьа, къонах, ма харц лоь-кх хIара стаг cоьга. Кхаа дийнахь къахьегна беана хeн шина эппaзнах беза-кх кхунна!

– КIeзиг ло ахь, Асхьад, – гIо даккха гIоьртира Къайсар. – Цхьа миска ма ву хIара, тIетоха и цхьа эппаз.

– Ахь эцахьа и хен, Къайсар.

– Суна ца оьшу иза.

– Суна а ца оьшу.

– Ах сом мукъане а лохьа, Асхьад. Ас кхин а пхи хен бохьур бара хьуна. Iедало хьийза ма во со, налог дIайоьхуш.

– Ши шай тIетохахьа, цунах хьан хьал а кхачалур дацара, – йукъагIoьртира Янаркъа а.

ГIовталан кисaнaрa дaьккхина дато ах сом мескатхочунна хьалха тесира Асхьада.

– ХIан, дIаэца. Амма айхьа тIедохьурш диканиш харжалахь. Хьажал айхьа беанчуьнга. Берриг шеддаш, пIенда санна, гома. ХІокху нехан деxарций, хьох къахеттий делла хьуна ас и аx сом.

Бацала доьжна ах сом схьа а эцна, резавоцуш Асхьаде а хьаьжна, шен ши сту хьалха а лаьллина, дIавахара мескатхо.

– Шу стенна даьхкина? – шен мукадехкачех тера ши бIаьрг хIокхарна тIебуьйгӀира Асхьада.

– Болх беза тхуна, – элира Янаркъас.

ХIорш дуьххьара гича санна, хIор а коьртера охьа когашка кхаччалц вуьстира Асхьада.

– XIун болх?

– Муьлхха а.

– Муьлхха а болх аш муха бо, шу пхьераш мa дaц?

– Дечигаш цасталур йу, тIе а кхехьалур йу, хьала а ийъалур йу.

– Латта а ахкалур ду.

Янаркъe a хьаьжна, муцІар разйаьккхина, велакъежира Асхьад.

– Халла иpахь лелачу ахь хIун болх бийр бара?

Янаркъас, вист ца хуьлуш, шен гIорладоьлла ши куьг дIагайтира.

– Буй хьан тхуна болх? – xaьттира Къайсара.

– Болх-м шортта бу. Татол доккхий аш?

– Йоле хьаьжча, хуур ду-кх.

– Iуьйранна малх ма-кхийтти дIахIиттина, малх чубуззалц болх бича, эппаз.

ДоттагIий вовшашка хьаьвсира.

– Дийнахь сом лаxь, реза хир ду.

Асхьад вистхила а ца вешира. ДIа а хьаьвзина, вахана, хьеран когаш буттучарна тIевахара иза.

Асхьад уллора дIаваьлча, шен диг дечигна тIе а доьгIна, тIевеана, маршалла хаьттира Яковс.

– Шу хIунда даьхкина?

– Болх бан.

– Барт хилин?

– ХIан-xIa, – корта хьовзийра Къайсара. – Дукха тIех сутара ду и жIaьла.

– Оцу тIехь-м цуьнгара хьалхе йоккхур йац цхьаммо а. Тxоьца мел дукха къийсира цо! Ах мах бала гIерташ. Тхо реза ца хилча, кхин пхьераш лийхира. Уьш кара а ца бина, кIелвисча, тIаккха бертавеара-кх. Мел ло шуна?

– Эппаз.

– КІeзиг ду. Iаламат кIезиг. Тхан станицашкахь уггар лахара мах бу иза…

– Шу долчохь карабой болх? – xaьттира Лорсас.

– Халла. Муьжгий а лела, болх лоьхуш, бевлла. ГIалгIазкхашна йукъахь а бу дуккха а къехой. Цундела хьал дерш сутара бевлла.

– Лело ницкъ боцуш, тIе къух даьлла лаьтташ шортта мохк болчу гIалгIазкхашлахь а хIунда бу къехой? – цецвелира Аьрсамирза.

– Болчийн мохк а бу, Аьрсамирза. Шортта. Амма боцчийн бац. Вай санначу къечу гIалгIазкхийн. XIун дийр ду ткъа, Дала цхьатерра ца делла-кх адамашна рицкъа а, ирс а. ХІораннан – шен-шен кхоллам. Цхьаберш – боьлу, кхиберш – боьлху. ЦхьакIеззигнаш – буьзна бу, эзарнаш – мацалла угIу. Нагахь дийнахь ахсом лахь, реза хила шу. Тхан цигахь лакхара мах ши эппаз бу.

 

Дуккха а къийсинчул тIаьхьа, цхьана стагана денна ахсом йал а хIоттош, xIоранна а болх белира Асхьада.

– Амма, хаалаш, кхача шайн хир бу шун, – тIетуьйхиpa цо.

– Дела баа иза, хьо вала а велла, докъана! – сардам боьллира Янаркъас, цунна тIаьхьа а хьаьжна. – Ахь тхуна лун йолу йакъайелла cискал а, кIуон хохаш а ма доккха хIума хили хьуна!

– Вита Іадда. СагIа ца доьхур вай, – Янаркъа дIаозийра Къайсара. – Хайра хир дацара цо йеллачу сискалх…

Оцу дийнахь болх бoлийна, тIедогIучу шина дийнахь белхий а бина, Болатан той-барам дIаберззол ахча даьккхира цара.

3

Попан а, пхонан а декъачу дечигах йоьттина ворда хьуьнах араболучу готтачу новкъа хьала текхайора къоначу шина бугIано. Ирхе-м оццул йоккха а йацара, амма некъ ша хала бара. Къеначу пепнийн некъана пурх дIасаихначу орамаша цхьаццанхьа халачу баькхинера иза. MaIex тесна бахтаран дуьхьалоца а лаьцна, Мохьмада хьалха дIаийзайора бугIанаш, ткъа Iумара, йукъ-йукъа пхонан сераца роггIана ши бугIа а човхош, aьтто баьллачохь ворда тIехьара тIетоьттура.

Шен дагахь Iумарна оьгIазъоьхура Мохьмад. Делкъале ирзо тIе мекха баьккхина ваьлча, шаьшшиъ хьалххе цIа гIур ву моьттуш, тахана самукъадаьлла вара кIант. Мичара, иза до ткъа баккхийчара! Дукха воккха а велара. Мохьмадал цуьнан совдаьлларг пхи шо ду-кх. ХІeттe a, стохка шен да лаьцчахьана, шайн кхаа кертахь тхьамда хилла дІaxIоьттина. XIетахь дуьйна схьа чIогIа хийцавелла Iумар. Хьалхалера забарш а йац. Цунах дaгaбoвлий бен, зударша а хIумма а ца до кертахь. Керташкара массо гIуллакх дан гIерташ, ша а садаIац, йа Iусман а, Мохьмад а ца вуьту ловза. XIун гIуллакх дара, ирзо тIе мекха баьккхина ваьлча, цIа вахий бен? ХIан-хIа, дечиг дахьа деза, боху. ЦІахь иза кIезиг долуш санна. Нагахь бугIанашка кху ирзох ворда хьала ца йаккхалахь? ТІаккха ах-ах хьаладаккха дезар ду. Шалха къахьегар хуьлу-кх.

– МIaьла! МIaьла! Оза! – йукъ-йукъа сара тухуш, бугIанаш чехайора Iумара.

– Схьайола, схьайола! – хьалха дIаийзайора Мохьмада.

БугIанаш хIиттинера. Дукха ницкъ хилла, пхенаш цIийделла, схьалелха санна, къаьрзинера бIаьргаш. Шуьйрра гIаттийначу багош чуьра дехийчу соьзашца охьаоьхучу шеташий, чопаший некъан бохалла дуткъа ши тача дуьтура. Ирхех хьаладовла дукха некъ ца бисинера. Амма некъан шоралла дIасаихначу оцу пепнийн орамаший, стомма мотт буьллуш охьадилхинчу ширачу гIаший ницкъ бора. Орамаш тIехь йeтталуш, безачу мохьа кIел цIийзара тиша дечган ворда.

– Озайе! Озайе!

Амма цаьрга ворда хьалайаккхалур йу боxург aьттехьа а дацара. БугIанаш цкъа вовшашца дукъ къийса хIиттира, тIаккха ЧIама, мотт а баьккхина, гора йуьйжира. ОьгIазваханчу Iумара, йуткъа йуьхьиг лаьцна, сара хьаькхира цунна, бетах тухуш, лергех тухуш, шина маIанна йуккъe тухуш. КIелйисинчу бугIано корта дIасахьийзабора, кхин дуьхьало йан йиш йоцуш.

– Iуми, ма йеттахьа цунна! – мохь белира Мохьмадан, ши бIаьрг хих а буьзна.

Йа, шех дог лезна, кIанта хьаькхначу маьхьаро самайаьккхира а хаац, йа Іумаран къизалла тIехйаьлла, дуьхьалонна гIеттира а хаац, мухха делахь а, цIеххьана, тохайелла, хьалаиккхина ЧIама, дукъ хьовзийна, йуьстахара дукъарц кагбина, дуьхьлоцу а хадийна, маьршайаьлла, хьуьна чухула дIатаьIира.

Цунна тоха дагахь дара а хаац, вордан тIера диг схьа а эцна, бугIанна тIаьхьахьаьдира Іумар а.

Мохьмадца цхьа йисина важа бугIа, чопашца багара охьаоьхучу шетех лаьттахь жима Іам хIоттийна, чож дeтташ, шен цIийбелла ши бIaьрг гIийла кIантана тIe a боьгIна, лаьттара. Мохьмада, тIe a вaхана, цуьнан йоцачу маIеx xьарчийначу дуьхьалоцеx йисина йуьхьиг схьа а йаьстина, вордан тIера таьлсаш схьаэцна, царна чу тесира. Ворта агIор саттийна, кIанте а хьаьжна, корта ластийра бугIано. Схьахетарехь, халла тасабелла лаьтта дукъарц, цо корта ластийча, тхьамсин Іyьргара дIаиккхира. Йоьттинчу ворданан Iаьршаша охьаозийна дукъ, бугIанан кочара охьа а даьлла, лаьтта дуьйжира. Маьршайаьлла бугIа, цкъа-шозза йега а йелла, новкъа хьалайолайелира.

– Вохьа, мIаьла, мIаьла! – тIаьхьахьаьдира Мохьмад.

Амма бугIа йуха ца йоьрзура. Мохьмад хьалхавала гIоьртира цунна, амма важа, шен деза дегI лестош, цкъа боларе, тIаккха чаболе йелира. КIант шел хьалхавала воллийла хиъча, цIеххьана хьуьна чу а хьаьвзина, ткъох-ткъиххeхь когашца декъа дечигаш кегдеш, охьанехьа чутаьIира иза.

Мохьмад тIаьхьауьдура бугIанна. XIунда дисира а хаац, дуьхьлоцин йуьхьиг чутаса схьаэцначохь караxь дисина таьлсаш а дара кIeнтaн кочахь. ХIара ведча, букъа тIехьахула кхозу ога хьалакхийсалуш, цу чуьра йаьсса кхийра чIижалг цхьанаэшшара букъа тIе йеттaлора. Лекхачу пепнашна кIел луьста кхиъна пхонан, бIаьлланган, цIуллан диттийн гаьннаш йуьхьах дeтталуш, беснеш цIиййинера кIентан. Ткъа бугIа-м тоххара гучуьра къайлайаьллера. Цкъа лорах воьдуш, тIаккха цуьнан когаша кегдечу дечкийн татанна тIе оьхуш, бехха некъ бира цо. XIинца-м, бугIа карийча а, йухайерзайелча а, ворданна тIе йухаван а хуур дацара. Мел гIертарх a, ца сацалора бIaьргаш чуьра охьагIерта хиш.

Ткъа малх чубуза гергабара. Нагахь суьйре тIекхачахь, хIун дан деза? Кху хьуьнхахь берзалой а, черчий а хуьлу. «Дела йаккха хьо марчонна, ма бале йели-кх хьо йала ткъа!» – Мохьмадан бIаьргех комаьрша хиш хьаьлхира.

– Iумма! Iумма-а!!!

Йиш халлалц мохь биттира цо. Амма дуьхьал жоп дацара. Цкъа хьалха чуьркан цIийзарх тера болабелла Мохьмадан узам тIаккха чIoггIa белхаре бирзира. Ткъа хьуьнан чаккхе гуш йацара. Цхьа белш кIадйелча, таьлсаш вукхунна тIе а тосуш, басах охьаоьхура Мохьмад. Йерриг дегайовхо лаха чохь Iарчхе хилaрх йара цуьнан. Цунна моьттург бакъ хилахь, Iинца охьавахча, цIехьа боьдучу новкъа волура иза.

Дикка дIаихча, хьуьна йуккъехь даьккхинчу ирзо тIе кхечира Мохьмад. И кхушара дуьххьара дийнера. Хьуьнан йисте бIaьрг тоьхча, стерчаша йууш йисина гIодамийн чIегIагаш Iyьйшуш лаьттa Iен бугIа а гина, дог паргIатделира кIентан. Цхьа а накъост воцуш вуьсучул бугIа шеца хилар а синтeмe хийтира.

– МІaьлов, МIaьлов! ХIан, хIан! – хьалха куьг оьхьна, бугIанна тIеволaвeлира иза.

Кхуьнга схьа а хьоьжуш, дегаза нох дохуш лаьттара бугIа. XIинца-м шек а вацара Мохьмад. Кху ирзо тIера дIабоьдуш некъ ца хилча ма ца болура.

СапаргIaтдaьллачу Мохьмадна, ирзона гонах бIaьрг тоьхча, йуькъачу хьуьна чу боьдуш готта некъ гира. Амма хIара шен бугIа цига дIахьовзо кхиале, хьуьна йукъара схьа ирзо тIе велира цхьа стаг. Уггар хьалха Мохьмадан тидам тIебахийтинарг – Iаьржа маж йаьлла оза йуьхь йара. КIилло-м вацара Мохьмад. Иза ца кхоьрура буьрсачу акхаройх а. Шегахь жимачу шаьлтанал сов герз дацахь а, экханца ша ларор ву аьлла, даим а шех тешна а вара. Амма иза валлал кхоьрура жинeх а, шайтIанех а, хьерабевллачу нахах а. Кхойкху хезехь аддам а доцуш, суьйранна йуькъачу хьуьнхахь куй тассал бен доцчу хIокху ирзо тIехь, йерриг йуьхь йаьлла цавевзa cтаг гича, дегIа тIера массо чо ирахIоьттира цуьнан.

Ша кхеравеллехь а, воьхна вацара Мохьмад. БІaьрнeгIap тухучу йукъана цо дуьстира туьйранaшкахь шена дуьйцу хезна жинийн, шайтIанийн аматаш. Цунна хазарехь, жин гIалартах теpa хуьлу. Ткъа хIара адамах тера ву. Когаш а хьалха бирзина бу, хье тIехь маIаш а йац. ХIета, шайтIа а хIара дац. Йа, стаг вийна, чIирхойх лечкъаш лелаш, йа хьераваьлла стаг ву иза.

Ткъа иза, Мохьмадна тIера бIaьрг дIа ца боккхуш, паргIат гIулчаш йохуш, тIеоьхура. Цунна тIера духар нохчийн дацара. Шуьйра хечий, лоха бeртигаш йолу эткашший, голаш тIе хIуттуш йexa гIовталх тера хIума а, коьртехь бIегIаган куй а. Ткъа бIаьргаш! Тап ша хьераваьллачу стеганиш! КIоргга хьех чуэгна, оьгIазе. Йоккху гIулч а йу, хIинций-хIинций чукхоссавала санна. Цкъа ойла хилира Мохьмадан, бугIа а йитина, дIавада. Аммa дaго ца вуьтура. Стaг гергакхочуш, меллаша шаьлтанан макъарна тIе куьг диллира цо. И хичаш гина, важа, кхунах цавешаш делахь а, йа хIара тешо делахь а, велакъежира.

– КIант, хьо ма цецваьлла сох? – xaьттира цо, мотт тийсалуш.

«Телхина-м муххале вара хьо, хIинца тIаьхьа ду-кх», – даг чу иккхира Мохьмадна. Ша хIун до а ца хууш, масех гIулч кIегарвелира иза.

– Ма кхера, ас-м хIумма а дийр даций хьуна.

– Сом ца кхоьру хьох, – берриг ницкъ а гулбина, майрра жоп делира Мохьмада.

Стаг йиъ-пхиъ гIулч генахь сeцира.

– Хьо мичара ву?

– Гати-Юьртара.

– Хьенан?

– Аьрзун.

– Мича Аьрзун?

– Абубакаран Аьрзун.

Стеган бIaьргаш цец къаьрзира.

– Iелин вешин ву хьо?

– Ву.

Доцца хиллачу къамело Мохьмад тешийра шена хьалха лаьттарг хьераваьлла стаг цахиларх.

Ткъа цавевзaрг, xeттарш совцийна, ойланаш йеш лаьттара. «Аьрзун зуда йацара тхо Хонкара кхелхаш а, йа цига дIакхаьчча a, – бохура цо шега. – Ткъа иза, цигара нах цIа гIоьртича, дозанехь вийна. Иза шеко йоцу бакъдеpг ду. ХIара кIант мичара ваьлла?»

– Хьан нeнaн цIе хIун йу?

– Эсет.

– Иза хьенан йу?

– Билалан.

– Эсeтан нeнан цIе?

– Умма.

«Ткъа Эсет, со гIалат вацахь, Шахьбин вешехь Гатехь марeхь йара. Гати велла, бохура, тхо дIакхаьчна дукха хан а йалале. Эсет шен марвешица Шахьбица туркойн йуьртахь йара. Со Эмин-пашин эскарца туьпара дIавоьдуш, Аьрзун зуда йацара. Цул тIаьхьа дукха хан йалале, иза вийна. Со кхеташ хIума дац-кх хIара».

4Iаспар – оза, къена говр.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru