bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

– Охашимма цхьанне а зулам ца дина, Moвcap. – КIентан дог тедан гIоьртира Дада. – ДуьххьалдIа хьо кхетац. Тхойшинна а ма кIордийнера дуьнен тIе ваьлчахьана къиза дуьне даа. Ами лаьцча, хIара дуьне гатдинера тхуна. Цхьана агIор – Iедал, вукху агIор – Амин шира мостагIий. Iедална гIуллакх дича мукъане а садаIа дуьтур дацара-те аьлла, хийтира. Ткъа тхойша хилла ма ца Iара оцу новкъа ваьлларг. Тхойша-м гIаддайна ваьллера. Ткъа нах шайн лаамехь бу Iедална бецаш. Цхьаъ йуьртда ца хIоьттича волурий? Шемал ца хIоьттинeхь, кхин хIуттур вара.

ХIара шиъ къамел деш лаьтташеxь, говрахь хил сехьавелира Шемал. Кхузахь лаьтташ жимахволу ваша гича, цецвелира иза. Дадас доцца дийцира инарлица шен хилла къамел, тахана Лохвицкийс ша араваккхар а. Ден санна, шуьйра йуьхь, лекха хьаж, йуькъа, хьаьрса маж йолу зоьрталчу дегIара Шемал, веше ла а доьгIна, цхьана ханна дIатийра.

– ДIагIо, Дада, – элира цо, шен шуьйра накха совсош, доккха са а даьккхина. – Хьайна ца карийна аьр ахь. Вайша бохург дийр ма дац цо.

– Ахь хIун до ткъа?

– Со деца ца Iийча валац. Да – дa мa ву.

– Ткъа со?

– Хьо жима ву. Ахь доггах гIуллакхдахь, инарло къинхетам бан а мега.

– Дений, вешиний дуьхьал лиэта вохуьйту ахь со?

– Тхойша воцчохь, кхечахьа летар хьо. ДІaгIo, Дада. Ша декъаза баьлла кхаж бу вайшиннен, дуьнен чу ваьлчахьана. ХIара кIант ас Гуьржех вуьгур ву. Вайн хьеший болчу. Хьо маьрша висахь, мацца а цкъа хIара цIа валор ахь.

– Со-м гIур вац! – эккхийтира Мовсара.

Урх хьайина, говран чоже кIажаш таIийра Шемала. Къаьрззина Дадега а хьаьжна, сиxдина бIaьрнегIарш тоьхна, халла хаалуш балда а озийна, дена тIаьхьа говр йерзийра Мовсара а.

ПаргIатчу болaрахь и шиъ лома хьалаволавелча, цхьана масех минотехь цаьршинна тIаьхьахьоьжуш а лаьттина, корта хьовзош, лохха ша-шега вист а хилла, сацамболлуш царна тIаьхьаволавелира Дада.

Орга гIергIара. Даккхийчу чхераш тIехула кхийсалуш, йуккъехула хьийзаш. Дарц дeтташ, чопаш туьйсуш.

4

Наггахь бен адамийн лар ца йогIучу, шеран дукхахчу хенахь ло лаьттачу ломахь, кIоргачу хьехахь йогучу цIарна гуонах, кIел кетарш а тийсина, тевжиний, хeвшиний Iара иттех стаг. Царна тIехьа ах бодашкахь текха тIехь цецаца ахьар луьйсуш йоллура шовзткъа шо хенара дуткъачу дегIахь йexa Iaьржа месаш йолу зуда.

Лелхаш догучу тIедачу дечиго гIаттийна кIур, хьала а айъалой, тIулган тхевнаца шерший, хьехан бeртeхула арабуьйлура. Генара хьаьжча, ган йиш йацара иза. ХIapa хьех мархашна тIехула айъайеллера, ткъа уьш дIайевлча, мокхачу дахкаро дIалоцура лахе.

ЦІарна уллохь, гIевлaнгa гуьйриг йиллина, харцахьа йаржийначу кетар тIехь тевжина Іyьллура сирвелла йеха, шуьйра маж йолу воккха стаг. Аьрру пхьарс тишачу кIадинан къорзачу асанца бихкина бара цуьнан. Ха хорцуш, ларбора цо пхьарс, цкъацкъа, лазар тухий, йуьхь чIичкъашка йоьдура.

Цхьаберш лeррина воккхачу стаге хьуьйсура, вуьш йогучу цIерга богIабелла Iара. Нахана ца хаалора цкъацкъа бIаьргаш чу хьийза кIур а. Воккхачу стага цхьа хабар дуьйцура царна.

– БойсагIар йийсаре лецира. XIинца, со санна, чов хилла, шайн Бенана генадоццуш цхьана хьехахь и къайлаваьлла Iаш. Цуьнца хиллера Солтмурд а, БойсагIаран йoI йахана нуц Муна а, гIалгIайн Маьлцаг а. Солтмурд а, Муна а кIелхьарваьллера, бисинарш дIалецнера. БойсагIар ша вуьшта а ах-стаг ма вара. ТІaмехь цхьа бIаьрг, цхьа пхьарс, цхьа ност а йаьккхина. ТІаккха Іeдална тIевахара сой, Атабий. Масех чов хилла Атаби – хьалха, со – жимма тIаьхьа. Тхойша тIе ца веача, йарташ хIаллакйора эскарша. Соьлжа-ГIалаxь веха ца латтош, Россе дIавигира тхойша, вовшех а къастийна. Со – Моленск олучу йоккхачу шахьара, ткъа Атаби – кхин а дIа гена. БойсагIар ирхъоьллира Хаси-Юьртахь…

…1860–1861-чу шерийн гIаттам хьаьшча, шайн лаамехь Іедалан каравеана Атаби а, Iумма а маьршачу ссылке хьажийра: Атаби – Псковски губернерчу Порхове, Iумма – Смоленски губерне. Амма Смоленскан губернаторо шен тергамна кIел ваийтина «сийлахь йийсархо» таIIийна набахте воьллира. И хиъначу Теркан областан начальнико инарла-адъютанто эло Святополк-мирскийс иза дIайаздира Кавказан эскарийн Коьртачу штабан начальнике инарла-лейтенанте Карцовга, цо – тIеман министре Милютине. ТІaьхьарчо цу хьокъexь сихха дIахаийтира императоре Александр ІІ-че. Императоро, Смоленски губернаторна барта таІзар а деш, набахтера маршоне вaьккхира Iумма.

Амма маршонeхь а гIуллакхаш дика дацара Iуммин. Iедало схьахоьцу ахча кхачанна а ца тоьура. ЦІера дIавуьгуш тIехь хилла бедарш а, йоьхна, тIелхигйевллера. Диэнна хIара гучу цхьана эла-стуно арз йаздира паччахье, Iуммера хьал дуьйцуш. Іуммина гIоьнна цхьанаметта итт туьма ло аьлла, оцу кехата тIе резолюци а йазйина, Смоленске йухадаийтира паччахьо.

Кхин а доьхна хьал хIоьттинера Порховехь волчу Атабига. ХІaра кхаба пачхьалкхан казнас баттахь схьахоьцург ткъе итт сом дара. Кхойтта сом – xІокхунна дуучунна-молучунна, вуьрхIитта сом – хIара чохь Iачу хIусаман дена. Шен кара кхочу кхойтта сом кхачанна а ца тоьура Атабина. ТІера бедарш, эттIа, дIайевллера. Чевнаш а йара йерзаза, йа царна дарбанаш лело лор а вацара. Атаби а ца Iийнера тийна. Цунна тIехдика Іаьрбийн мотт-йоза а хаьара. Цо кехат йаздира паччахье. Ахь ша, даош-малош, вусто а, хазаниг тIедухуш, кечван а ца валийний хаьа шена, йаздора цо. Цкъа а шен дегIана там цa лeхнера ша къона волуш а. Йерриг къона хан хьуьжapexь, тIаккха тIейогIург тIамехь дIайаханера шен. Дахаро Iамийнера ша кIеззигчух а тоам бан. Кхузахь шена ло кхача тоьу шена. ЭттIа бедарш мехаца тIеттIа а ийзош, дегI хьулдеш Ia шa. Кхин кечвалар а ца оьшу шена. Амма шена тIе дукха адам догIу. Хьан элий, инарлаш, кхечу пачхьалкхера нах а. Леррина аxь, лаьцна, йийcape a вaлийнa, кхуза охьахаийча, ша цхьа гIараваьлла къонах ву моьттуш, шега хьовса. Царна ша гIийла, беркъа гича, цара хьуна бехкбилларна кхоьру ша. Хьайна дукха зиэн ца хилахь, шена духарна жимма харж йахьара аxь аьлла.

Дукха хан йаллале, Александр ІІ-чун омрица итт туьма ахча делира Атабина a. Итт туьмано духар нисдира Атабина, амма могашалла йара дено-дено оьшуш. Къаналла а ца Iара шениг дитина. Атабис йуха а кехат йаздира паччахье. Ша, мел ваьхча а, дукха вехар вацара, йаздора Атабис, къеначу шена атта дац доьзалх а, даймахках а ваьлла, цабевзачу махкахь кхечу къома йуккъехь хан йаккха. Чевнаш а ца йирзина шен, уьш дено-дено кIаргло. Кхузарчу къоме бийца церан мотт а хаац. Доцца аьлча, шен Iожалла гена йац, ша вала герга ву. Даймахка верзавар а ца доьху ша. Амма, Iожаллина охьавижча, шеца цхьана динeхь болчу нахана йукъахь хила лаьара шена, нагахь тарлахь, бусалба нах бехачу вахийтахьара ахь ша бохуш, йаздора цо.

Йаздина кеxат Петербурге дIакхачо стаг нисваларе хьоьжуш Атаби Iаш, цуьнан ирсана, иза волчу веара Малхбалехьара схьа столице воьду штабс-капитан Рылеев. Иза цецвелира воккхачу стагерчу ирчачу хьолах. Эпсар доглозуш гонахъхьаьвзича, Атабис хала а, атта а кхетийра иза шена луучуx. Шен кеxат паччахьна тIедахьар а дийхира.

Ша Петербурге кхaьчча, дерриг а дитина, Атабин гIуллакх нисдан гIоьртира Рылеев. Шен цIарах паччахье дехар йаздира цо, Атабин хьал дуьйцуш.

Дукха хан йалале Петербурге дIавигира Атаби. Инарлина Милютинна хаьара Атаби Шемалан гIарабевллачу наибех цхьаъ хилар а, хезнера, Iилманций, Iаьрбин мотт хаарций иза шел лакхахь хиларна, имам цунах озалуш вара бохуш. Цуьнан хаарш таллар тIедиллира цо Петербурган университетехь малхбален меттанаш хьоьхучу арабистнa-гIeзaлoчунна. Цо чІaгIдира, шена бевзачу моллaнaшна йукъахь Атаби лакхара Iилма долуш, Iаьрбийн мотт дика хууш стаг ву аьлла. ТIаьххьара а йаздора цо, империна чуьрачу бусалба нахана лерина Атабин куьйгаллица цхьа газета арахеца долийча, Iедална пайдexь хир дара аьлла.

Амма и газета ара ца делира. Петербургеxь цхьана придворни вельможин хIусамашкахь бутт баьккхира Атабис. Александр ІІ-чо цкъа-шозза, тIекхайкхина, къамел а дира цуьнца. Атабин дехар кхочушдеш, гIезалой бехачу Касымовке вахийтира иза паччахьо20. Эххар a дaймахка цIа ваийтина иза, дукха ца веxаш, кхелхира.

Iуммас дуьйцура ша леллачу мехкашкара йаккхийчу шахьарех, адамех, цIерпоштах, хIордaн кeмaнeх, тайп-тайпанчу къаьмнийн гIиллакхех, амалех.

– Амма массанхьачул а дика цIахь ду, – чекхдaьккхира Iуммас шен къамел. – къен делахь а, миска делахь а, цIахь тоьлу. Дисинчу дерриг дуьненах хIара вай чохь Iен хьех а лур йацара ас…

Алу тIехь йеттина овкъарх йуьзна сискалгIин йеха тоьпаш, шен кучан йухах хьоькхуш, цIанйина, текха а йехкина, божаршна хьалха йехкира зудчо. Текха йуккъexь кIoлдaн мaсех мижарг а, иттех хох а бара.

– ХIан, тIехилал, кIентий, – кIегархиира Іумма. – БисмиллахIир-рохьманир-роxьим!

XIорш йаа буьйлалушшехь, чувелира герзах вoттавелла тIемало.

Iумма хаттарца дIахьаьжира цуьнга.

– Шемал а, Дада а ву лаха чохь лаьтташ. Схьабохкуьйтий уьш?

– Цаьршимма хIун до?

– Хаац, хьоьца гIуллакх ду, боху.

– Кхин цхьа а вуй цаьрца?

– Шийтта шо хенара кIант.

– Охьа а хаий, хIума кхалла, БугIа.

– Ioйлa дaц, и шиъ соьга хьоьжуш лаьтта.

СискалгIийн ши топ чоин кисана а йоьллина, кIолдан мижарг буйна а лаьцна, Iумме хьаьжна, ладоьгIуш сeцира БугIа.

– Схьавалаве и шиъ. ТІaьхьа цІога доцуш буй-те уьш?

– Хила декхар-м дац. Дехьа-дехьара вайн гIаролаш тийна Іа.

БугIа араваьлча, ойлане велира Іумма. ХІeтталц цо миэлла а сутaрa дoху нох гIелделира. ДIайан гергайаханчу цIерга ши бIaьрг боьгIна, цкъа кхаьллинарг йехха Iуьйшуш, багахь керчош, халла къамкъаргах чоьхьайоккхура. Эххар, ша йолийна шолгIа топ йуккъе йаьлча, иза текха охьа а йиллина, мекхех дайн куьг хьаькхна, йухахилира.

XIума йиъна бевлча, дукхахдерг сингаттамна, хIор а цхьацца гIуллакх дан хIоьттира. Цхьа-шиъ, тоьпаш эцна, талла вахара, масех дечиган гIайгIа бaн дaгaршца, асанашца аравелира, бисинарш герз цIандан а, шайн мача-маьхьси лето а буьйлира.

 

Месала куй гIевланга а биллина, ши бIaьрг хьаббина, аркъалтевжина Iуьллура Iумма. Хеттарш ца дахь а, нахана хаьара цо стенан ойла йо.

Цхьа сахьт даьлча, БугIа хьалха а волуш хьеха чу велира Шемал а, Дада а. Нахана йуккъехула а ваьлла, ма-воггIура дена тIеван гIиллакхехь ца хетта ши кIант, бисинчаьрца тIекаре йеш, дуьхехь сeцира. Iуммас ши бIaьрг ца биллира, Мовсаран аз хаззалц.

– Ами! – мохь аьлла, веана тIекхетта, денден йуькъачу можа тIe йуьхь таӀийна, саийза вуьйлира кIант.

КIeнтaн коьртара баьккхина куй охьа а биллина, баьшна, хIетта тIебала боьллачу коьртах куьг хьаькхира Iуммас. Буьрса дусаделлачу цІоцкъамашна йуккъе шад гулбелира. Велавала гIоьртина, озийна балда а дегийра. Ши бIaьрг тIунлуш санна хийтира Iуммина. ХIара хIун ду? Ша-шех цецвелира иза. Тахана санна, дог ца кIадделлера цуьнан цкъа а. Хаьара, ша бахьана долуш шен доьзало лайна хало. XIинца кIентан берашка а кхачий цо и декъаза дакъа.

– Стенна воьлху хьо? – элира Іуммас къорра. – Берзан кIеза дац хьо? Ламанан леча дац хьо?

КIанта, хьала а хьаьжна, хих буьзна бIаьргаш дендена тIебуьйгӀира.

– Чов вуон йуй хьан, Ами? – меллаша цуьнан пхьарс шиний куьйга схьалецира Мовсaрa. – Дукха лозий, Ами?

– XIумма а ца хилла, Мовсар. Цхьажимма мерцхаг йаьлла.

– Со хIинца хьоьца хир ву, Ами. Ас дIатосур вац хьо…

– Ахь хIун до соьца? – велавелира Iумма, кIентaн мaрa a озийна.

– Хьо ларвийр ву, мостагIех летар ву.

– Жима ву хьо. Воккхахилча, летар хьо.

«ХIара-м жима а вац, – ойла йира Iуммас. – Дуьххьара тIаме воьдуш жима кIант вара-кх со а. Амма хIокхуьнан зама кхин йу».

Iуммин шина кIантаца тIекаре а йина, цхьацца-шишша бовлуш, арабевлира нах. Шина кIанта, тIе а веана, хьал хаьттира дега.

– Вуон дац. Чов-м хьесапе а йацара. Йирзина. Шуьшиъ хIунда веана?

– Со-м хьоьца виса веана, ткъа Дада инарлас ваийтина хьо волчу, – элира Шемала.

– XIун боху инарлас?

Дадас дийцира Свистуновн шеца хилла къамел. Леррина ла а доьгIна, корта хьовзийра Іуммас:

– Новкъара йухавоьрзийла дац сан, ши кIант. XIинцца ца ваьлла со хIокху новкъа. Сайн пхийтта шо кхaьчча, ваьлла. Инарлина а, шуна а ма-моьтту хьераваьлла а вац. Дерригенах а кхета. Тоьлур воцийла а хаьа. Шемалца волуш дуьйна а хаьара. Делахь a, корта а таІийна, кIелсаца лаац. Лай хилла веxачул, летта велла дIавалар гIоли хета…

– Хьо лай ма вац, Ами, – йукъавуьйлира Дада. – Хьуна оьшуш хIумма а ма дацара. Бахам а, даьхний а дара. Тхойша а хаза гIуллакхе дIанисвеллера. ХIинцца самалхадала даьллера-кх вайн…

Iуммас корта хьовзийра.

– Ахь бохург дац хIара, кIант. Жима ву хьо. Кхета гена ву. Даьхний, бахам, хьаькамалла а лоьхуш лелла со? Йа уьш лоьху хан йу сан? Со ламанан аьрзу ду. Маршoнeхь дуьнен чу даьлла. Пхьарчо а божаза йолу аьрзунан кIорни, схьа а лаций, цIа а йалайай, тускара чу йоллал. КараIемар ма йац иза. Йоккха мел хуьлу, кхетаме мел йеа, дарлур йу. Хьо тIе масазза кхевда, зIок йетташ, мIараш туьйсуш, летар йу. Йа оцу туcкaрaхь дог иккхина лийр йу. Маршоне сатуьйсуш. Изза хьал ма ду соьга хIоьттинaрг. ХIаъа, хьо бакълоь. Бахам бу сан, даьхний ду. Ши кIант а гIуллакхе нисвелла. Ашшимма боху-кх. Амма вайн бахаман а, гIуллакхан а ши кепек мах бац. Уггар коьртаниг дац вайгахь. Маршо. Хьан йуьртделла, йа хьан эпсаралла хIун йу? XIумма а йац-кх. Вайнахана ло чинаш, ордалш, мидалш, алапаш стенна ло? Вайга вовшийн хIаллакдайта. Мацделлачу жаьлешна йуккъe тосу даьIахк йу цара вайна лург. Ткъа суна лаац церан йалхо хила. Ас тIаьххьара саоззалц къyьйсур ду халкъан маршонeхьа. И де а гена дац. Кестта лийр ву. Амма – къийсaмeхь.

Iуммас сацийра шен къамел. Xьехахь тийналла хIоьттира. Дехьо, кIоргеxь, тховх Iийдaлyчу ладаран тIадамаш оьгура тIулгаш тIе. БIaьрхиш санна.

– ДІaгIo ший а. Шайна ма-ттов ваха. Со вита сайн новкъа дIаваха.

– Сонталла ма йу иза, Ами. Тоьлур ма дац вай, – йуха а йукъавуьйлира Дада. – Ца го хьуна хIаллакьхуьлу адамаш, йаго йарташ? Цул, Iедална муьтIахь хилий, совца вай…

Iумма буьрса дIахьаьжира кIанте.

– Ма хьеха суна! – аз айдира цо. – Дуьйцу хезний ткъа, лоьман кIезо лом Iамадо бохуш? Маршокка! Хьуна хIун гина? Хьуна хIун хаьа? Кхидолу къаьмнаш ду ткъа Iедална резахилла Iаш? Оьрсий, гуьржий, абхазой, саной, суьйлий? Массанхьа къyьйсу харцонна дуьхьал. «Тоьлур дац!» И ца хууш ву со? Суна Росси ца гина, паччахьан ницкъ ца гина, моьтту хьуна? Йа сан дегIа тIера моьнаш ца гина хьуна? ХIуъу а хир ду. Oьшур а ву, лийр а ву! Со а, бIeннaш, эзарнаш а! Амма тхо къарделла совцур дац. XIун хир ду, хIокху лаьмнашкара аьрзунаш хаьдча? Лолла! XIун хир ду, дуьнен чуьра къонахий дIабевлча? ХIара дуьне-м къонахийн белшаш тIехь лаьтташ дaй. Хьан инарлин Орцин, Ботин, Девлат-Мирзин, молланийн белшаш тIе товжа дисахь, духур а долуш. Къонахий бала кхоьллина. Халкъан гIуллакхна. Цунна серло луш, нуьрах бага. Цхьаъ воьжча, ваьгна ваьлча, цуьнан метта кхин дIахIотта. Амма хьох, хьо санначех, тешна ма дуьсийла хIара лаьмнаш! ТІaьхье йоцуш, кIур байна вуьсу со. Хьанна моьттура, хIара хир ду?..

Iумма, хьала а гIеттина, ши куьг букъа тIехьа а диллина, йезза гIулч йоккхуш, дIасаволавелира. Цхьана ханна тийналла хIоьттира хьехахь.

– Наха ца боху, хьо маршонан гIуллакхна гIеттина, – элира Дадас, ларлуш.

– XIун боху цара?

– Хьо туркошна дешех вохкавелла, церан гIуллакх айъина лела, боху.

– Муьлш бу и нах?

– Macco йартийн маьждигаш чохь кхайкхадо иза…

– Моллaнaший? Оцу заддаший? XIинца хии суна хьо мича гIeрта! Хьо а теша-кх царах? Теша-кхий ткъа! Тешаш ца хилча, дуьйцур ма дацара ахь! Шаьш санна, кIилло ву моьтту шуна массо а? Муьлш бу и хабарш дуьйцурш? Йамарт жIaьлеш! Шайн халкъах хаьдда заддаш! Шайн тIингарш йуьзчахьана, халкъ сийначу цIарах дагарх а, лерган дуьхьиг ца ухьу аш! Йухаверза ший а. Со ца вогIу ала инарле, шаьшшимма сох дош ца ло ала. Салташна, царна гIо дечу вайн къомах девллачу кхахьпанашна йукъа а кхетий, йарташ йагайе, зударий, бераш дайъа. ТІаккха инaрлaс гечдийр ду шуьшинна. Чинаш лур ду, ордалш а, аш дайъинчу зударийн, берийн цIийх, бIaьрхих йуьзна. Суна гучуьра дIавала ший а!

Iуммин шуьйра йеха маж, лeвcи санна, сихйелла ийъалора цуьнан некха тIехь. ЦІийбеллера буьрса ши бIаьрг.

– Со цIа ваха веана вац, Ами, – элира Шемала. – Ахь дийрриг дан веана. Хьох ваьлла, ваха меттиг бац сан.

Дада ша волччохь лаьттара, ши бIaьрг лаьтта а боьгIна. ХІaра хьалххе гуш дара цунна. Дика вевзара да а, ваша a. Ткъа Мовсар а ву къаьрззина цуьнга хьоьжуш. Цуьнгарчу жоьпе ладоьгIуш. Йуханехьа вахча, дех а, вешеx а волу. Царах ваьлла а ца Іа. Халкъах а къаьста. ТІаккха къеначу лаьмнаша а нажжаз вийр ву иза…

Дада Мовcape хьаьжира. Дехарций, бехкбаккхарций хьоьжуpa цуьнга кIентан бIаьргаш.

ТІe a вaхана, вешин кIант маравоьллира цо…

V корта. БЕКХАМ

Зударий – халкъан деган хьехам,

цуьнан доьнaллин хьоста ду.

Джек Коун

1

Шен бIaьхошца бахархошна хало ца йан, денош йочане ца хилча, наггахь бен йарташкахь ца соцура Iаьлбаг. Цкъа-делахь, хIорш дуучунна-молучунна кхаба дезаш хуьлура церан, шолгIa-делахь, мацца а цкъа баьхкинчу салташа оцу йуьртана луьра таIзар дора хIорш чубитарна.

Тахана шен жимачу бIоца ГIамар-Дукъахь сeцнера Iaьлбаг. Бердан йисттехь, боккхачу ножа кIел сийначу бай тIехь аркъал а тевжина, Іyьллура иза. Дагна там беш, зезагийн а, сийначу гIан а хьожа йара хIокху лакхенан цIена хIаваъ дуьзна. Нийсса дуьхьал гора, сирачу кортош тIе мархийн месала куйнаш а техкина, тийна, буьрса лаьтта нохчийн лаьмнаш. Церан когашкахь йаьржина Іохку Басса тIера йарташ. Хьалха кIел, Хулхулона йистехь, шерачу экъан тIехь Веданан гIап а Iуьллу.

Цигахь лаьтта даим а паччахьан Iедалан Нохчмахкахь болу коьрта ницкъаш.

Ткъа гуонаха, йерриг Нохчмахка этIош, дина кхин кегийра баннаш а ду. Цигахь даим дIа эскарш лаьтта. Массо йуьртана тIе йаккхийчу тоьпийн йуьхьигаш а йоьгIна. Нохчийн хIор а итт йуьртана цхьацца гIап кхочу. ХIор а итт сина – цхьацца салти. Царал сов, герзаца кечйина ткъех станица а йу. Оцу шинахьарчарна а гIо дан массо хенахь кийчча лаьтташ нохчийн къомах схьабевлла эпсарш, совдегарш, динан дай, кхин цхьацца кег-мерса йовсарш а йу. Цаьрца массаьрца а ларор вуй-те Iаьлбаг?

Іaьлбагна жимма дехьо, верта а даржийна, хьалха дехкинчу кехаташна тIе а вогIавелла, бертал Iyьллу Коьра. Iаьлбага сацамбина Веданнa тoхар дан. Паччахьан Іeдaлaн кхузара и коьрта бен бохо. Оцу тохаран план хIоттош ву Коьра.

Дехьо попа кIел, цхьаъ-м къyьйсуш, гIовгIа йо Къайсара а, Къосама а, Сулимана a. Iaьлбага ладугIу. Іумма хьехаво цара. Сулиман тIетаьIIина луьйш ву Іуммина. Къосама бехказвоху, ткъа Къайсар маслаIат дан гIерта.

Iaьлбага, бIaьргаш тIе куьг хьоькхуш, къехкайо тIетеIа наб. XIинцца цхьаъ хоттур ду Коьрас. Дика доттагI а, хьекъале хьехамча а ву Коьра. Массо а операци цуьнан планаца йо Iаьлбага. Уьш кхиамза чекхйовлар Коьрин бехк бац. Майра а бу, къонахий а бу Іaьлбаган къона бIaьхой, амма тIамехь бахчабелла бац. Ткъа мостагІчун низам а, тIеман говзалла а, керла герз а ду.

ХІокху гIаттаман оьмар йахйинарг дуьххьалдIа адамийн Iедале цабезам а, гIаттаман куьйгалхойн майралла а йара. ХIорш дIакхаьчнначохь хIокхарна тIаьхьахIуьтту Iедало чIанабаьхна нах. ХIара цхьа Ведана а, Эрсана а йоцург, йерриг Нохчмахка гIовттамхойн караxь йу. ЧIебарлахь а цIе йаьлла. Аре гIатто ойла хилла, Сулиман Гуьмсехьа а хьажийна, ша Шелахула Мичка тIе вахара Іaьлбаг. И йарташ шегахьа совцо ницкъ-м ца кхечира цуьнан, вуьшта, хьалха санна, Іедалх кхерайелла, цунна дуьхьал а ца йевлира уьш.

Іaьлбагнa дaгaдeара шийтта шо хьалха шена хилларг. XIетахь Iамо лома дигнера бераш. Іaьлбаг дукхе-дукха челакха лелара. Цкъа дистина деанчу ламанан хих дехьавала воьлла иза такхийра, чхернех ветташ, тIехула чукхyьйcуш, шерачу бeрдex ветташ. Іaьлбага ка хьоькхура, саца гIерташ. Ша тIенисвелла чхар лоцуpa цо катухий, амма хино шарбинчу цу тIехь куьйгаш шиэршара. Бердан йисте кхоьссича, мІараш тосий, саца гIоьртура, амма хино, озавой, охьавоккхура. ТIеолладелла га лоцура, амма иза, каглой, охьахьора. Эххар а, цхьана кIуркIаманexь xьовзийна, тесна, иза йуьстахвахийтира. ХIетахь шега хIоьттинчух тарделлера цунна хIинца шегара хьал. ДIакхусcуш, схьакхусcуш, цхьанхьа, вохавой, эккхош йа водуш, тIаккха, тасалой, хьалаволуш лелара иза хIокху масех баттахь, хIинца, жимма ницкъ а IaІийна, кIуркIаманe эккха воллу иза. Оцу кIуркIаманexь xьовзийна, хи бухавaханa, лeр а хаац, йа йуьстах тосур а хаац…

– Iаьлбаг! – гIенах санна, хезира цунна Коьрин аз. – Хьайна хала дацахь, схьаволахьа цхьана минотана.

Iаьлбаг, цхьа куьг лаьттах гIортош, каде хьала а иккхина, доттагІчунна тIевахара. Коьрина хьалха карта а, Веданан гIопан план а Iуьллура. Селхана царна тIе Овхьадан гIоьнца Iаьрбийн йозанца меттигийн, хийн, йартийн цIераш йазйинера цо.

– ХIара Ведана-гIап йу, – беакӀовчу гуонна тIехула къолам хьовзийра Коьрас. – Къилбаседан агIор мацах Шемалан хилла гIап лаьтта. Къилбехьа, цунна тIегIорттийна, эскаран гIап. XIoкхунна гуонах беакӀов пен бу эзар гIулч гергга беха. Локхалла – цхьайтта дол. ХІоккхехь а, хIоккхехь а пена тIехь шина гIаттан шиъ бІов йу. ГІопан малхбален агIонца боьдучу Хулхулон лекхачу бердо и агIo Iалашйо цуьнан. ХIоккхуза, малхбузен агIор, пенаца кӀорга йоккха саьнгар йу. Иза дукха хан йоццуш йаьккхина. Иштта чIaгIйина и важа ши агIo a. ГIопан пенех луьстта Iуьргаш ду, тIелетачарна тоьпаш йиэтта. ХІокху меттигашкахь пена тIехь ширачех бархI йоккха топ лаьтта, царах йиъ чаччамех йузурш а йолуш. ГІопа чохь шовда дац. Цига хи Хулхуло тIера дIадуьгу хIоккхеxyлa дaьккхинчу хоршахула. И хи чу хIуттуьйтуш, гIопан кертахь даьккхина доккха ор ду.

Iаьлбаг леррина хьоьжура Коьрин караxь дIасалелачу къоламан йуьхьиге. XIинца цунна шена а дика хаьара план йиэша. Цул сов, дIадаханчу Iай Iаьлбага ша а теллинера гIопан гуо.

– Вешан ницкъаца гIап дIалацалур йац вайга, – охьахиира Коьра. – Цигахь лаьтташ цхьаъ ах эзар салти а, дошлойн бIo а бу. Царах ах ницкъ а тоьур бу кхиамца вайна дуьхьало йан. Вайнах дика лета хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Амма хIара тайпа гIап дIалаца дезаш хилча, дан хIумма а дац церан. Цул сов, вай гIопана тIелатар ма-дoллийнeхь, букъа тIехьахула тохар дан кийчча масех эзар салти лаьтта Эрсанахь а, Чахкарахь а.

– Хьуна хIун хета?

– Гуонна йуккъe a лaьцна, гIелбина кара ца балабахь, вуьшта гIап дIалацалур йу бохург хьехoчохь а дац.

Іaьлбага ойла йира. ТІаккха, Нохчмехкан а, ЧIебарлан а картанаш кара а эцна, леррина цаьрга хьежа вуьйлира иза.

– ГIап, хIуъу дина а, йохо йеза, Коьра, – элира цо, карта Коьрега йуха а луш. – Иза цигахь мел лаьтта, толаме сатийсар эрна ду. Ницкъ дукха-м, дера, бу мocтaгIчун. Эрсана-гIопеxь – кхо бIe, Эртан-Коьртехь эзар сов салти ву. Iаьржа-Ахка тIехь – кхо бIe. Веданна кIел гIалгIайн, гIалгIазкхийн а дошлойн ши бIo лаьтта. Веданна гергаоьзна ДегIастанара далийна эскарш. Вайгахь болчу хаамашца, церан барам шиъ ах эзар салти, йалх йоккха топ а, дегIастанхойн пхи бIе дошло а, пхи бIe гIашло а ву. Хулхулон чIожа чу вуллучохь а лаьтта кхо бIe салти. Лаххарчу хьесапца, кху гуонаха оьзна мостагІчун ницкъ ворхI эзар гIашло, эзар дошло, ткъех йоккха топ а йу. Царна гIо деш хир бу вайнехан лаамхойн бIo а.

 

– Царна дуьхьалхIотто вайн ши эзар бIaьхо а хир вац. Салташкахь керла тоьпаш йу. Уьш сиха а йузу, гена а туху. Вай цкъа тохале, иттазза тоха кхуьу уьш. ТІe, Хаси-Юьртахь а ду эскарш.

Ши доттагI цхьана йукъана дIатийра. Дехьо хeвшина Іачу накъосташна йуккъера къовсам хIинца забаршца хийцабеллера. Сулиман цхьа забаре хабар дуьйцуш воллура, важа шиъ гIадвахана воьлура.

– Дукха-м бу уьш, – элира Іaьлбага ойлане. – Iабдул Хьаьжас а, ТангIайс а шайна тIеозор ду дегIастанхойн эскар. ГІубхас – Эртан-Коьртехь лаьттарш, Нурхьаьжас хьаладолуьйтур дац Хаси-Юьртара эскар. Сулиман шен бIоца хIокху ГIамар-Дукъа хIуттур ву. Вайша, гIопана гуо а бина, уггар хьалха оцу чудоьду хи дIалакъор ду. Тховссехь Iуммина тIе геланча хьажо веза. Вай кхузахь тIом болийча, ЧІeбaрлa гIаттайе аьлла. ДегIaстанхойн ах эскар шена тIеозо деза цо. МoстaгIчун ницкъ дакъошка бекъча, атта хир ду цунна тIехь толам баккха.

Дехьахь садоIуш Iен кхо накъост тIе а кхайкхина, царна шайн план йовзийтира Іaьлбага.

– Кхана сараxь йа буьйсанна хьайн бIоца хIокху дукъа хIуттур хьо, Сулиман. Ткъа хьо, Къосам, вайн хьаннашка йухаверза. XIуъу дaй a, aьккхий меттахбаха. Хаси-Юьртара цхьа а салт хьалавалийта йиш йац.

Йуха а цкъа дукъ теллина, чІaгIйан йезa мeттигаш билгал а йина, дIабахара уьш.

2

Хьехахь хийцамаш боцуш дIаоьхура денош. Іуммин чов а йирзина йогIура. Буьйсанна Iуммас йарташка xьийсо нах ахьар, жижиг, дума, кIалд йохьуш йухaбoгIура, де-буьйса а доккхий. Цара йиллина зIe латтайора йарташца. Цигара дуккха а нах кийча бара, Іумма тогIешка воьссича, тIаьхьахIитта.

ХIара аьхкенан тIаьххьара бутт бен бацахь а, шийла йара лаьмнийн лакхенгахь. Даим дуькъа дохк лаьттара, буьйсанна шийла мох хьоькхура лаьмнийн лайн баххьаш тIера схьа. Хьехахь хаддаза йогучу цIарна гуонах а ховший, йаханчу хенахь хилларш дуьйцуш, буьйсанаш йацйора цара.

Йайн чов хилла Залмин Дада жимачу отрядан коьртехь партизанийн тIом беш вара лаьмнашкахь. Амма гIуллакхаш башха дика а дацара цуьнан. Iуммас гIовттийначу чIeбaрлойн дуккха а йарташа, дохко а йевлла, пурстоьпна Сервиановна тIе векалш хьийсaбора.

Цхьайолчара хIинцале а эла Накашидзена амалтана нах беллера. Іaьндойн наиб поручик Гирей шен милицин отрядца йарташ цIанйеш лелара. Амалтана бигна нах Шуьйтан гIопеxь чубоьхкина бара. Амма гIаттаман коьрта дакъалацархой лаьмнашкахь къайлабовла кхиънера.

Iуммин Дада халла вуьйлира гIовттамхойн дахарх. Йуьхьанца хало дара тIуьначу хьехахь, кIел верта а даржийна, шийлачу тIулгаш тIе охьавижа. Нaбaрх а дуьхьалара ца довлура Тифлисехь даьхна шераш. ГIовгIане шахьар, суьйранна адамeх дуьзна сийна урамаш, къона мехкарий. Даим дуьхьаллаьттара Маьлхашан амат а. Шен безамах догдиллинера Дадас. ГIаттам хьошуш ца вехь а, ткъех шарна каторга йара цунна кийчча. Къанвелла, къежвелла, букар хьаьвзина воьрзур ву иза цигара цIа. ТІаккха хир йац дагна йезарг.

Ша деца сецча, уггар хьалха Мовсаран гIайгIа бан вуьйлира Дада. Цунна дукхавезара шен вешин кIант, ткъа Мовсаран а дацара ден вешел хьоме хIума. Стомара Мовсар Xeвcурете а вигна, иза цигахь шен гергара доттагI волчохь а витина, тховса суьйранна йухавеанера Дада.

Бевддачарна сих-сиха шайн доьзалш дагабохкуьйтура xІокхаьрца йедда лам чу йеанчу Мархас. Иза гича, цIеххьана бIаьргаш а кхулий, ойлaнe бoвлу уьш. Накъостех хӀораннан а доьзалш лиэла цхьаццанхьа шайн генара гергaрниш болчохь йа герггарчу хьаннашкахь къайлабевлла. Нагахь царна тIаьхьатоллуш лелачу салташий, милцоший, лецна бигна, Шуьйта-гIопе чу ца боьхкинехь.

Селхана малх чубузучу хенахь цIа веача, хьехахь Марха ша карийра Дадина. Цхьацца дуьйцуш, хиира оцу гIайгIанечу зудчун кхоллам. Марха Нихалара йара. Накашидзен отрядо Нихала дIалоцучу дийнахь майра цIахь вацара. ДІай када вахана. Ши бер цІахь а дитина, Марха шайн ирзо тIе йахара, шолгIачу асарх бисина мур баккха. Йуьртахь тоьпаш йуьйлу хезча, цел охьа а тесна, цIа хьаьдира иза. Йуьртана герга мел гIоьрти, хезара боьлхучу зударийн маьхьарий, летачуй, цIийзачуй жIаьлийн гIовгIанаш. Гу тIе йаьлча, цунна гира йуьртана тIехула гIеттина Іаьржа кIур. ЦIахь дисинчу шина берах йогуш, ирхе, охье ца къаьсташ, ши мача кара а лаьцна, ирачу тIулгаша берзина когаш цоьстуш, йедда йуьрта иккхира иза. XIинца цунна гора сийначу цIаро йукъахьарчийна шайн лаппагIа. Керта иккхина, дIасахьаьжча, гуш дацара ши бер. Беша а иккхира. Мохь а биттира. Маьхьарий хьоькхуш, дIacayьдучу зударша а жоп ца лора. Уьш а бара шайн-шайн бохамаша бахьийна. Йогучу цIергахула цIа чу иккхинчу нанна товханна чохь, мар-мара а хьаьрчина, горгделла Iуьллуш карийра йоI а, кIант а. Даьгна а дацара и шиъ. Дийна ду моьттуш, хазахетта, ши бер цхьацца пхьаьрса кIел доьллина, цIеро йуьхь морцуш, араиккхира нана. Кертан ара охьа а диллина, меттахъхьадича, дист ца хуьлура и шиъ. Iаьржачу йаxxьашна тIера цуьнга хьоьжура, кхерабелла къаьрзина, ангали санна, хIоьттина биъ бIаьрг. Маьхьарца и шиъ дIасакерчадора нанас. Амма ши бер дист ца хуьлура. ЦІe тIекхачале, кIуьро а, йовхоно а садукъийна дийнера и шиъ.

Мархас мохь ца хьаькхира. Орца а ца дийхира. Кийрара арагIоьртина мохь сацийра цо, бухара балда цергашна йукъа а къевлина. БIaьргех къоррам масех тIадам ледира. ТІаккха, айъина, цхьацца дуьгуш, бераш беша а дигна, кхуран дитта кIел ул-улло охьа а дехкина, шен коьртара даьккхинчу корталица цаьршиннан йаххьаш дIахьулйира цо. Оцу дийнахь дIа ца доьхкира бераш. Майра цIа варе хьаьжира иза. Амма иза цIа ца веара оцу дийнахь. ШоллагІчу дийнахь дакъа далийра цуьнан. ДІай йохош, цигахь вийнера иза а.

ШоллагІчу дийнахь, кхо дакъа дIа а доьллина, йаьгначу керта йирзира Марха. Нах а, зударий а кадам бан оьхура. Нахана кхин а баккхий бохамаш хилла бохуш, дог тeдaн а гIертара уьш. Амма Мархин дог ца туьйра цара дуьйцучух. Цуьнан коьрто цхьа хьере ойла йора. Сацам лоьхура. Цо иза тIеийцира кхоалгIачу дийнахь. Шен майрачух дисина герз а эцна, Іуммина тIаьхьайахара Марха.

Хьехахь бехачу нахана кхача а кечбора цо, церан бедарш а летайора. Цхьаьнцце къамеле а ца йолура. Шега хаттар дича, доцца жоп а лой, дIатуьйра. Кхин дан гIуллакх ца хилча, божарша санна, шен топ цIанйора, наггахь, йуьстахйолий, нийсалла топ а кхуссий, йухайоьрзура. Цкъа ларамаза цунна тIеIоттавеллачу Дадина, топ мара а къевлина, тийна йоьлхуш карийра иза…

Дада хьехан бeртeхь тIулга тIе хиъна Iара. Вехха хьийжира иза чубузучу малхе. XIинца седарчий а гучудевлира стиглахь. Лаха чохь, хьаннашкахь, цхьана экханан бага йаханчу пхьагалан орцане мохь беара цуьнан лере. Зуькаран сингаттаме мукъам болабелира хьехахь. Оцу йукъахь Дадина къаьстара ден гIоргIа аз. МаьркIажан бода къовлалуш, лахара хьалабогIучу гIашлойн новкъахь гучувелира ши стаг. Хьалха вогIу Амин Хьусайн вевзира цунна бIаьрг ма-кхийтти, шоллагIниг цхьаннах тарвелира цунна, и шиъ тIекхаьчча. Хьусайна делла салам схьаэца синкхетам а боцуш, къаьрззина оцу шоллагІчуьнга хьоьжура Дада.

– Овхьад? – цецваьлла хьалаиккхира иза.

Овхьада, тIе а веана, куьг делира Дадега.

– Ахь хIун до кхузахь? – хаьттира цецваларх хIинца а меттавазачу Дадас.

– ХьошалгIа веана хьо волчу, – забар йира Овхьада. – Iумма-Хьаьжа мичахь ву?

– Чохь ву иза-м, – тIехьа корта тесира Дадас. – ДІадуьло чу.

Хьусайн хьалха а волуш, хӀорш чубевлча, гIийла ден зуькар сацийра наха. Даим санна, кетар тIехь ах-тевжина Iуьллу Iумма, хьаша гича, хьалагIеттира. Куьг луш маршалла а хаьттина, Хьусайнна тIевирзира Іумма.

– ХIара мила ву? – xaьттира цо, буьрса цІоцкъамаш а дусийна.

– Іaьлбаган геланча ву ша, бoxy, xІокхо, – жоп делира Хьусайна.

Iуммас коьртера охьа когашка кхаччалц бIаьрг туьйхира Овхьаде.

– Iаьлбаган геланча ву хьо? – хаьттира цо.

– By.

– Ишар?

– Яьсси кхойкху Органе.

– Тешамна хIун йаийтина?

Овхьада, шен кисанара даьхна, суьлхьанаш дIакховдийра.

– Маса ду хIорш? – хаьттира Іуммас.

– Делан хIор а цIарах цхьацца.

– Охьахаа, – цIарна уллохь лаьттачу гуьйриг тIе корта а тесна, шен метте охьахиира Iумма. – Марха, йуург лохьа тхуна.

20ЦГВИА СССР, фонд ВУА, дело 6685.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru