ХІyъу хилахь а, штурм йан сацамбинчу Батьяновс итт сахьт долуш ТІуртIин-КIoтaрeхьа гуо тесна хьажийра ГIизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкан хьалхара сотня а, хIетта салатавхойх вовшахтоьхна бIo a, Терка тIерачу нохчийн милицин а, гIумкийн сотняш а. Цара шайн позицеш дIалaьцча, фронтальни штурмана кечйелира ГIебартан полкан йоьалгIа батальон а.
2
Лаха чохь хуьлуш дерг, шайн керайуккъехь долуш санна, шера гора Къайсаран бIaьхошна.
Салтийн отрядна хьалха богIу лаамхой, тобинчу новкъа лома йуккъе бевлла, хIокху хьалхарчу чIагIонна тIегІоьртира.
– ТIетухий вай? – хаьттира Юсупа Къайсаре.
– ТІаккха ткъа! Вайх лата богIуш бац уьш?
– Хьанна хаьа, нуьцкъаха тIелаьхкинeхь а?
– Mа элира-кх ахь! Ши бутт сов хан йу уьш вайна дуьхьал лиэта.
– Кхин хила а мегий уьш-м.
– ХIан-хIа, аренгара нохчий а, гIумкий а, гIалгIай а бу. Суна ма бевзa yьш.
– ХIетте а, вистхилахьа цаьрга.
Къайсара, вала тIе хьала а ваьлла, ши куьг бете а лаьцна, мохь туьйхира.
– Нохчий, гIалгIай! Цхьана цIийх цхьа вежарий ду вай. Ткъа шу, гIумкий, тхан лулахой ду. Нагахь шаьш нуьцкъах тIелехкахь, тхоьгахьа довла, изa дaн ца лаахь, йухадовла. Амма тхан цIий Iано дагахь шу делахь, тхоьгара къинхетам хир бац шуна!..
Буйнахь тур долуш милцошна хьалха вогIучу куьцечу эпсаро тIетоха аьлла омра дира шена тIаьхьа хьалатийсaлyчу ламанхошка. Цара тоьпаш хьалалаьцча, вала тIера чуэккха сихвелира Къайсар, амма шен куйнах хIума кхеташ санна хетаделира.
– Дела хила шун шайн вархIий дена неIалт! – йаппарш йира Къайсара, гуна тIехьа а иккхина, шен куйне а хьоьжуш. – Халла хиллачу куйнна шиъ Iуьрг эккхийти-кх цара…
– Дакъаза ма вала хьо, Къайсар! – мохь туьйхира топ карахь схьаиккхинчу Іaьлбага. – Герз караxь вайна дуьхьалвогIург вайн мостагI вуй ца хаьа хьуна?
Тоьпан зIок кIегар а хаийна, цхьана куьйга топ хьала а лаьцна, лаг уьйзира Елисейс. ХьалхавогIу эпсар, деге ка а тоьхна, буйнара тур дIа а хецна, цкъа гуора а воьжна, йуьхьарвахара. ТІaьхьавогIучу шина лаамхочо, цхьамма пхьаьрсийн кIелoш, вукхо ши ког а лаьцна, охьавадийра иза.
Готтачу некъа хьалататтабелла лаамхой цхьана йукъана боьхна хьаьвзира, йуха а, кестта саметта а баьхкина, шина а агIор баьржаш, йоккха йукъ схьалаьцна, дитташ тIехьа а лечкъаш, текхаш, тоьпаш а йетташ, хьалагIоьртира. Амма вала тIехьарчу гIовттамхоша жимма а царах айъавелларг, тухий, дIатевора.
– XIoъ эрна ма бахийталаш! – омра дира Къайсара, вийначу эпсаран метта хьалхаваьллачу прапорщикан дага тIе Iалашо а лоцуш.
– ДIаэца, жIaьлеш! – мохь тухура Михаила, ша тоьпан лаг масазза узу. – Шуна кхайкхийначу совгIатан метта бу шуна!
– Къайсар! Aьтту агIор хьажа, гуо таса гIерта уьш!
– Иза-м хир дацара! Iумар, хьала ма ийъало, коьртах вер ву хьо.
Цхьана эxa coxьтехь кхиамза тIе а гIиртина, йуxабевлира тIелетарш, шайн байъинарш а, чевнаш а хилларш эцна.
Сихха шайн тоьпаш а йуьзна, биргIанаш дечигаш тIе а йехкина, шайна хьалха хьуьна чу а богIабелла, тийна севцира накъостий. Масех минот а йелира тIелетарш йуха гучу цa бoвлуш.
– Охьачубисси-те уьш? – элира Къайсара, хьаьж тIера хьацар дIа а доккхуш.
– Схьахетарехь, дукха доггах а бацара.
– Йуха тIелатаза Іай, хаац.
– Тамаша бу латахь, вай зиэн дагахь хьовсийна хила а мега.
– Лаха чохь хIун ду, Iаьлбаг? – xaьттира Къайсара хӀетта тIевеанчу имаме.
– Кечлуш бу тIетаьIIина. Дерриг эскар Яьссех сехьадаьлла. Цхьа дакъа Іиси-Юьрта догIу.
– Вайна гIоьнна нах дукха баьхкиний?
– БIе алссам стаг. Берриг боxург санна – кегийрхой. Болата хьегна къа а эрна ца дайна. Шелара а веана ткъех жима стаг. Сийсара дукха ницкъ-м ца хилира шуна?
– ГІоьрдалаxxьий? ХIан-хIа. Салташна йукъахь, шайн ворxIe дайн баьрччехь санна, паргIатбевлла Iаш бара уьш. Царна гIенах а ца гора оцу йуккъехула вай йуьрта гIоьртур ду бохург. Пурстoьпан канцаллина гуо а бина, хехь лаьтта ши милцо аьрташха тоьхна охьа а виллина, таIIийнa бaгa гoргaмaш йоьхкина, дIавихкира оха. XIoъ-молха Чомакхан кертахь рагIу кIел хиллера. Цигахь лаьттачу милцойх цхьаъ виэн а дийзира. Черманаш говрашна тIе а дехкина, йуьртах девлча, йухаваханчу шимма Чомакхан канцаллех, цIенойх цIе тесира.
– Баркалла хьуна, Къайсар. XIинца-м хала дацара. Іиси-Юьртахула схьагIертачу эскаро хIун до хьажа воьду со. Кхузахь ледара ма хилалаш. Иэшахь, гIо доуьйтур ду. Iумар, хьо соьца дIавола. Тхуна йукъахь зIe латто.
– Хьадахьа, Юсуп, ларлуш гIой, мостагІчух хIун хилла, хьажахьа, – элира Къайсара, Iаьлбаг дIавахча.
Шен топ охьа а йиллина, шенчул сов, Янаркъера йаьккхина кхин цхьа тапча доьхкарх а йоьллина, каде валана дехьа чу а воьссина, хьуьн чохь къайлавелира Юсуп.
– ЛадогIахьа, Элса, – шен топ цIанйеш воллучу Елисейна тIевирзира Къайсар. – И салтий хIунда ца лета вайх?
– Собар, Къайсар, салтий а летар бу, – паргIат жоп делира Елисейс, топ а йузуш. – Вай хIун до хьовса, ламанхой хьалхабаьхна цкъа.
– КIилолла ду-кх?
– ХIан-хIа, ларбалар ду.
– ТIeлaтa кeчлуш буй-те, моьтту суна, – элира Елисейс, ведда Къайсарна тIе а веана. – Дерриг эскарш вайна тIе а дерзийна дIахIиттийна. Йаккхий тоьпаш а оьзна улло. Iожаллина кечлучохь ду вайн гIуллакх!
– Ioжaллина-м кечдала ца оьшура. – Елисейн белшaх куьг туьйхира Янаркъас. – Цо-м шен гIуллакх дийр дара. Дала мукъалахь, тоьлур ду вай. Хьуний, Мишкиний нохчийн зударий а балийна, ловзаргахь хелхадийла а ма деза!
– Забарш йитахьа, Янаркъа. Ас-м баккъал а ма боху.
– Ас йо ткъа забар? Амма, нохчо йалайале, цкъа сунтван-м веза шуьшиъ.
– Ахь хIун дуьйцу, Янаркъа! Тхойша воккха ма хилла. Жима долуш до, боху, аш божабераш сунт. Тхойша тIаьхьависина.
– XIета, шуьшиъ зударий боцуш вуьсур ву-кх.
– Василий винерий ткъа?
– Винера дера-кх, – Къайсаре бIаьрг таIийра Янаркъас.
ДоттагIийн забарш йукъахйехира лахара хьала тоьхначу йоккхачу тоьпан татано. Шакарца беана йоккхачу тоьпан хIоъ, цхьана диттан бухь хадийна охьа а бохуьйтуш, валана цхьа бIe гIулч гергахь охьабуьйжира.
– ХIан, дIадоладели! – топ схьаийцира Елисейс.
3
Iуьйранна шен рота Яьссин аьрру агIон тIе дехьайала кечйелча, Абросимовна тIевеара капитан Рихтер.
– Эххар тIекхечи ас сатийсина саxьт! – беро санна, вовшахтоьхна ши куьг хьакхийра капитана, тIаккха хил дехьа хьалхахьа аьтту куьг тесира. – Суна хьалха лаьтта Коьжалкан-Дукъ. Оцу тIехь дакъа доцуш вайна сан да. Тахана ас бекхам оьцур бу. Сан да вийнарг, йа цуьнан кIант, йа цхьа кхин нислур ву суна дуьхьал. Дависа, Яков Степанович, сихха дIадолалаxьара хIара! Собар кхачийна-кх сан. Хьо вогIий тхоьца?
Абросимовс корта хьовзийра.
– Эрна ца вогIу. ТІaьхьа дохковер ву хьо. Цигахь инзаре буй-тIара хир йу. Йа, хьанна хаьа, тхо гучу ма-девлли, бовда а мега.
– Хьайн воккхавер йухаоза, капитан, – Ieн ца велира Абросимов. – И нах маршонна гIевттина. Вай йемалдан, шайн сий лардан. Уьш летар ма бу. Хьох къинхетам а бийр бац.
– Даим а цаьргахьа уьйзу ахь, Яков Степанович. Стенна оьшу хьуна и акхарой?
– Xьо кхетар вац сох, барон. Вайша дукха дийцина цунах лаьцна.
Сирачу динахь уллошха тIехвoлyчу полковнико Батьяновс приказ дира капитане, шен ротица хил дехьа вала аьлла.
– Господин полковник! – тIехьаьдира цунна Рихтер. – Пурба лохьа суна сайн ротица штурм йоло. Хьуна ма-хаъара, сан бахьанаш а дара хьалха хила.
– Мегар ду, капитан. Дала аьтто болда хьан!
ХІокхеран къамел хадале говр хаьхкина тIевеара Ойшиев. Поручикан балдаш кIайделлера, цIий дІaIaьвдича санна. Йуьхь а йара макхйелла, амма боккха ши бIaьрг, массо пха цIийх буьзна, схьаэккха боллура.
– XIун хилла, поручик? – xaьттира полковнико.
Дакъаделлачу балдех мотт хьаькхира Чомакха.
– Доьхна хьал ду, хьан оьздалла. Сийсара сан цIенош а, пурстоьпан канцеляри а йагийна мятежникаша.
Чомакх гича, йуьхьанца кхеравеллачу полковнико доккха садaьккхира.
– Кхин хIумма а дуй?
– Сан милицина делла хIоъ-молха а лаxxьийна дIадаьхьна.
– Ха дацара цигахь?
– Дара. Цхьаъ вийна, бисинарш бага горгамаш йоьхкина дIабихкина карийна.
Полковникан йуьхь Іаржйелира.
– XIун нах бара хадийраш?
– Сан участкерчу йарташкара милцой а, хIирий а.
ДІаэккха гIерташ, воpтa сeттош гаьллаш Iуьйшу говр, урх йуха а тухуш, човхийра полковнико.
– Суна теша лаьа, поручик, хилларг хьан бертахь дацарх.
– Ахь хIун дуьйцу, господин полковник! – тIе а бос баьхьира Чомакхан. – Ишттаниг дага а муха даийти ахь?!
– Хьан бертахь дацахь а, хьан ледарлонан жамI ду иза. Хилларг цуьнан локхалле дIахаийтар сайн декхар хета суна.
Чоже кIажаш таIийна, говр хьалха а хецна, Чомакх воьхначохь а витина, дIавахара Батьянов. Цхьана минотехь, цунна тIаьхьа хьоьжуш, чурт санна, вогIавелла лаьттина Чомакх цецвелира шена уллохь лаьтташ Абросимов гича.
– ДІаэца хьайна, – элира Чомакха, корта а хьовзош. – Декъазчунна ден цIера а догIу, олуш кица ду тхан. Изза ду-кх суна хилларг а. Мятежникаша цIенош дaгийна, йерзинчу стигла кIел витинчу сох доглазар го-кх хьуна. УьстагIо аьлла боху: «Іaьхча – барзо боь, цa Iaьхча – Iуьно боь». Ца дуьйцуш Іен йиш а йац, дийцича, хIара хуьлу.
Цкъа вист ца хила ойла хилира Абросимовн, йуха а Iен ца велира.
– Шен халкъана дуьхьалваьллачу стагана кхочу дакъа ду хьоьга кхаьчнарг а, – элира цо шогуо. – Кхузахь цецвала хIумма а дац, господин поручик. Марша Iойла хьо!
Чомакх цецваьллачохь а витина, шен говрана тIе а хиъна, меллашчу болaрeхь жимма лаха а ваьлла, лекхочу гу тIехь сeцира Абросимов. Кхузара дIа шера гора хил дехьара позицеш. Коьжалкан-Дукъан къилбасeдexьара когаш дIалaьцнера ГIебaртойн полкан йеа батальоно, дошлойн йеа сотняс. ТIаккха, Яьссех дехьа а ваьлла, говр йоргIа а йаьккхина, командни пункте вахара иза.
Коьжалкан-Дукъана дуьхьал лекхачу гу тIехь шина йоккхачу тоьпана уллохь турмалца хьалхара дукъ толлуш лаьттара полковник. Цуьнан отряд кийча йара штурмана, амма дукъана къилбаседехьара схьа тIелата йезачу отрядера хIинца а хаам бацара.
– ХIун хилла-те царна? – синтем байна хьийзара Батьянов. – Сигнал хIунда йац?
Эххар а, дехьара батарея тIамна кийча хиларан хаам беш, Iисин-Юьртана тIехула хьалайахара ракета.
– ХIан, Делан гIоьнца! – элира Батьяновс, тIаккха нийсса ирх лаьцна куьг, тур тухуш санна, охьаластийра.
Цхьатерра тоьхначу шина йоккхачу тоьпо леpгaш къардира Абросимовн. ХIаваэхь цIийзаш боьду ши хIоъ, дукъа тIе ца кхочуш, лахо баса кхийтира, шина диттан баххьаш а хедош.
– Йаккхий тоьпаш йуза! – поручике команда дира полковнико. – Жимма лакха лаца. ТІетоха!
ШолгIа бахана ши хIоъ Iалашонна тIекхийтира. Амма цигара схьа дуьхьал кхусcуш топ йоцуш, тийна дара. Иттеx xIoъ тоьхначул тIаьхьа, штурм йолайе аьлла, сигнал йелира полковнико. Массанхьа а йоьзан зурманаш а, вотанаш а йийкира. Лаха чохь лаьттачу ГІeбaртойн полкан шина батальонах цхьаъ а, гIашбевллачу гIалгIазкхийн а, салатавхойн а дошлой а, тоьпаш хьалха а лаьцна, чехкачу болaрахь хьуьн чохь къайлабевлира.
– Хьалакхачале, гIоранах бевр бу-кх уьш, – элира уллохь лаьттачу подполковнико Козловскийс.
Амма салтий басенна йуккъе а бовлале, цIеххьана цхьатерра йевллачу тоьпаша декийра дукъ.
– И хIун ду? – цецвелира Батьянов. – Вайн тоьпаш-м ма йац уьш?
– Схьахетарехь, мятежникаш лаха чубаьхкина.
– Мича хьоьжуш хилла разведка?! – агIор туйнаш кхоьссира полковника.
Капитанан Рихтеран рота штурм йолийначу дакъошна хьалха йара. Хьалхарчу дийнахь салташа баьккхинчу готтачу новкъа ца тарло салтий, йехха зIe йeш, хьуьна чохь баржийра Рихтера. Лекха, зоьрталчу пепнийн хьуьнахула, байн ког боккхуш, тапча а буйнахь хьалхаоьхура иза. ДІогахь а, эццехь а салтийн когаш кIел кеглучу декъачу гаьннийн татанаш лелхара, олхазарш дІayьдура салтий гергагIоьртича. Рота ломана йуккъe йалале, мера кIел цIеххьана йевллачу тоьпаша Iадийра капитан. Цунна шина а агIор охьавуьйжира масех салти. Хьалха дIахьаьжча, гуш вацара мостагI. Иза сийначу гIашлахь къайлаваьллера.
– Боларeхь хьалхатаIа! – мохь туьйхира Рихтера.
Тоьпийн кIур гуччу йуккъе лаьцна, тапча туьйхира цо. Амма цигара схьа низaмeхь шозза тоьпаш йевлира. Капитанан хьесапца цигахь чIaгIвелла лаххара а ах бIe стаг вара.
– ТIетоха! – мохь туьйхира цо йуха а.
Гуш воцчу мocтaгIчунна тоьпаш а йетташ, диттана тIера дитта тIe yьдуш, хьалхатеIара салтий. Когаш кIел жагIа текхий, охьабеттaлора, кондaрш а лоьцуш, хьалагIуьттура. Масех минотехь иттех воьжнера. Амма капитанан ойла йацара йухавала. Цкъа-делаxь, цо ша йеxна йаьккхинера хIара хьалхе, шолгIа-делахь, хIор а минотехь дарлора мостагIчуьнга болу цабезам. ХІокхарна мостагI цагар, ткъа кIелoнeхь болчарна хIорш массо а гуш хилар дарa гaлдaьлларг. Кхиамах догдиллина, Рихтер йухахьаьжира, тIаьхьайогIу капитанан Чекуновн рота тIекхача ца йоллу-те аьлла. Амма йуькъачу хьуьн чохь пхи-йалх метр генара хIума ца гора.
Эххар а аьрру флангехь, «уьрей» аьлла, акха маьхьарий девлира. ГIашбевлла нохчийн а, гIумкийн а, гIалгIайн а дошлой баpa yьш. Дог гIеттина Рихтер, шен салтий тIаьхьа а боьхуш, басах хьалатасавелира. XIинца дIатийнера лакха тIера охьайетта тоьпаш а. Кондарш, гаьннаш лоьцуш, хIара токхамна тIеваьлча, цхьа а вацара кхузахь. Схьахетарехь, мятежникаш шайн коьртачу чIагIонна тIе йуxабевллера.
Дукъан хьалхара позици дIалаьцча, цигахь цкъачунна чIaгIвала сацамбира Рихтера. Чевнаш хилларш а, байъинарш а охьабаха а дезара. КхидIа тIелатарна хIун дийр ду а ца хаьара. Рихтер ойла йинa вaлaле, штабера схьа геланча веара, керла приказ хиллалц хьалхатаIap caцаде аьлла.
Цхьа ах сахьт далале йуха а йека йолаелира дукъана шина а агIор йетта йаккхий тоьпаш. Кортош айба ца баьхьаш, бертал Ioxкучу салташа ладоьгIура дур деш диттийн баххьашна тIехула дукъа тIе оьхучy xIoьънашка. Цхьана сохьтехь йаккхий тоьпаш йиттинчул тIаьхьа приказ кхечира, хьалхатаIа аьлла. XIинца тIекхиънера тIейогIу ши батальон а. Шира, йуькъа хьун йекош, регIаца шалхадуьйлуш, дийкира салтийн «ура». Мятежникаша тоьпаш йуззушеxь, масех гIулч хьалха йуьгура цо рота. XIинца хьалха гуш бара мятежникийн коьрта вал. Дечкашна тIехьа Ioxкучу мятежникаша дошан дарц Iенадора тIелетачарна тIе. Дуккха а салтий цунна гуш охьаоьгура.
ТІaьхьара могIанаш вaьштта тIекхаьчча, йуха а цкъа дехха «ура» аьлла, валана штурм йира салташа. Бaттaрa дaьккхина тур а буйнахь валана тIе хьалаваьлла Рихтер дуьхьалнисвелира хьаьрса маж-мекх долчу зоьрталчу мятежникна. Цуьнан шуьйра, лекха хьаж а, жимма ирхбирзина стомма мара а, оьгIазе сийна бIaьргаш а шена цхьанхьа гича санна хетаделла, цхьана секундана воьхна висира капитан.
– Марша вогIийла, хьан оьздалла! – элира мятежнико цIенчу оьрсийн маттахь. – ДIаэца хьайна айхьа доьхург!
Рихтер айъина тур охьатоха кхиале, Поповс, даг тIe a лaьцна, тапча туьйхира цунна…
4
Тасадалар кхузахьчул а чIогIа дара Мусакхайс, Нур-Хьаьжас ларйечу къилба агIонан а, малхбузeн а дeкъexь. Цигахь, хьерайаьлча санна, чукхийсалора аренан йарташкара вовшахтоьхначу нохчийн милицин отряд. Цунна гIо деш йара Курински полкан шолгIачу батальонан кхо рота. Йуьхьанца йоккхачу тоьпан ткъех хIоъ тоьхча, маьхьарий дeтташ, басах хьалатасабелира милцой. ГIовттамхошна хуьлуш зиэн доцуш, дерриг шайн патармаш дассийна а бевлла, шайн чевнаш хилла накъостий а эцна, тIаьхьабогIучу куринцашна тIехьа йуxабевлира уьш.
ТIелетачийн хьалхара отряд йухайаьлча дегнаш айъаделлачу гIовттамхоша дошан дарц Iанийра хIинца хьалхабевллачу куринцашна тIе.
Тъа куринцаш сацамболлуш хьалхaтeIapa. МаьркIажан хан хуьлуш йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша йаржийна гIовттамхойн чIагIo шаьш дIалаьцча, цигахь царна цхьа а ца карийра. Амма массанхьа йисинчу цIийн лараша тоьшалла дора гIовттамхошна дикка зиэнaш хилaрaн.
Батьяновн отрядан кхиамна гIо дира малхбузехьара схьа цIеxxьана гIовттамхошна тохар динчу подполковникан Кнорринган отрядо. Iаьлбагна хаьара цуьнан ницкъ. Иза тоьуш бара гIовттамхошна кIелхьарбовла дисина деккъа цхьа ков дIакъовла. Iaьлбага омра дира, массанхьара а йухадовла аьлла.
Къайсар ткъех стагаца тIаьхье къовла висира. Йуьхьанца нилхачу могIанашца гучубевлла салтий лаьттах хьалакъаста а, йа дитташна тIехьара схьабовла а ца буьтура цара.
MoстaгI валана тIекхача цхьа бIe гIулч йисча, aьтту агIорхьа хьуьнца маьхьарий девлира. Къайсарна шера девзира уьш. Милцоша шaтaйпa дoхийна олу «ура» салтичух къасто хала дацара.
– Элса, кхузахь ледара ма хилалаxь! – Елисейн лeрeхь мохь туьйхира цо. – Со, иттех стаг эцна, aьтту агIор волу…
Шена тIаьхьадуьйла аьлла, итт стеган цIе а йаьккхина, валана тIехьа а теIаш, уьдуш, Къайсар шайн чIагIонан аьтту йисте кхaьчча, нохчийн, гIалгIайн, гIумкийн а милцой вала тIе хьалатасабелла бохкура. Хьалха богIурш, тIе йуьхьигаш а теIош, тоьпаш тоьхна охьабехкира гIовттамхоша, царна тIаьхьарниш а кхечира оццу декъе. БIaьргаш а къаьрзина, цергаш къажийна, шайна тІeгIepтачу хIокху шайн къомахошна доггах а, ца Iебаш а йеттара гIовттамхоша.
Сохьтехь сов йухадиттира гIовттамхоша мостагІчун тIелатарш. Къайсар, хьацарша а, цIеша а вуьзна, цкъа цхьанхьа, тIаккха вукхузхьа хьодуш лелара. Ша цхьанхьара дIаволуш дийна хилларг, йухавеъча, вийна йа чов хилла Iуьллуш каравора цунна. Валана кIел а, тIехь а байъинчу салтийн дeкъий гора. Делахь а, тIeгIeртарш, цхьа а ца эшча санна, дукха бара. хIор а минoтeхь лахлора Къайсаран бIo. Топ-тапча тоха ца кхиош, шаьлтанашка бевлира хIинца. ДІогахь коьжалг хилла йуьхьарвахана Іyьллу суьйли Муртаз. Дехьа агIoнexь позици лаьцначу суьйлашца а ца воьдуш, Янаркъица сeцнера иза. Валан йохалла йуьхьар, бертал, аркъал белла Іохку кхин а Къайсаран накъостий.
ТІaьххьара тIелатар инзаре хала йухатуьйхира хIокхара. Кхачош доллура хIoъ-молха a. MoстaгI кхидIа сeцалур ву бохург хьехoчохь а дацара. Ткъа Iаьлбагера а цхьа а тайпа хаам бацара.
Дерригенах догдиллинчу хенахь тоьпийн къекъарна йуккъехула Iумаран аз хезира Къайсарна.
– Къайсар! Къайсар! Іaьлбага йухадовлa боху шуьга…
Вала тIе а ваьлла, чухьаьжира Къайсар. Керлачу штурмана кечлуш бара салтий. Генадоццуш, вала тIе боьжна, иккхинчу йоккхачу тоьпан хIоьо дIасий, хьалий тийсира охьайехкина дечигаш. Чаччамаша, хедош, тIеделхийра диттийн генаш.
– КІeнтий, йухадовла! – мохь туьйхира цо. – Чевнаш хиллaрш эций, йухадовла! Ловда!
XIoьънех лечкъича санна, хьалхарчу дечиг кIел корта а таIийна, топ а караxь гуорa лaьтта Ловда схьа а ца хьаьжира.
– Ловда!
Амма Ловда вист ца хуьлура. Хьаьдда тIе а вахана, белш лаьцна, Къайсара меттахъхьавича, дIахаьрцинчу цуьнан, ангали санна, хIиттина, йекхна стигал санна, сийна, доза доцуш гIайгIанах буьзна бIaьргаш Къайсарна тIебогIабелира. Ловдин карара топ охьайуьйжира. XIинца а шелвалаза волу иза, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, такхийна охьа а ваьккхина, цуьнан меженаш а нисйина, бIaьрнегIарш тIекъевлира Къайсара.
– Элса! Юсуп! Янаркъа! Аьрсамирза! Шу соьца совца, ткъа бисинарш, чевнаш хилларш а, Муртазан дакъа а эций, йухадовла!
– Бисинчийн дeкъий ткъа?
– Iаддадита…
Веа накъоcтaца вала тIехьа меттиг дIалецира Къайсара. Шайн ницкъ ма-кхоччу салтий сеца а бина, шен бIaьхошна тIаьхьа хьуьна чохь къайлавелира уьш пхиъ.
5
Кхаа дийнахь лардира гIовттамхоша Коьжалкан-Дукъ. Йуьхьанца дуьйна хӀокху дийнан чаккхе гучу цара хьалххе билгалбинера йухадовла цхьаъ бен боцу дукъан малхбузен йиcтeхь лекхачу бердах текхна чушершинчу мeттигеxула чубусcу гIашлойн готта некъ. Лаха чохь къена бIешеpан йуькъа хьун йара маситта чаккхарма йаьржина. Иза эшнaчийн тIаьххьара туш дара.
Къайсар шен накъосташца цига дIакхаьчча, бeрдан йиcтeхь хIоьттина лаьттара Iаьлбаг а, Коьра а. ДоттагIийн йаxxьаш кхоьлина карийра Къайсарна. Коьрин аьрру пхьарс бара коча тесна. Iаьлбаган гIовтал а, куьйгаш а дара цIийша дуьзна.
– Биснарш мичахь бу? – xaьттира Къайсара.
– Берриг охьачубиссина. Хьайчех маса вийна?
– Йалх. Муртаз а, виъ гатийуьртахо а. Ловда тIаьххьарчу минотехь вийра.
– Мусакхай а вийна-кх!.. – элира Iаьлбага гIийла. – Кxyзахь Іожалла йоьгӀна хилла мисканна. Лоьмаш санна, майра лийтира иза а, цуьнан суьйлий а. Итт стаг вийна царах а. Мухха даьхьна а, шайн йарташка дIадахьа деза церан декъий. Ма дика ду-кх Элса а, Мишка а дийна висина. Цаьршинна хIума хиллехь, чIогIа халахетар дара суна.
Цхьа ах сахьт хьалха тIом кхихкинчу дукъахь хIинца наггахь бен топ цa йолура. Амма тийна дацара хьуьна чохь. ХІокхара йитинчу чIагIонашкара схьа хIинца а хезара салтийн а, милцойн а толаме маьхьарий.
– Дуьло, чудyьссу вай а. Хьо суна тIетовжал, Коьра.
– Ца оьшу. Суна хилларг-м пайдабоццург дара.
Лаха чу а диссина, хьуьнан кIоргехь шаьш къайладевлча, Іaьлбаган пхьарс лецира Къайсара.
– XIинца хIун до вай, Іaьлбаг?
Iаьлбага жоп кестта ца делира.
– Хаац, Къайсар, – вистхилира иза эххар а, тIаккха, жимма Iийна, тIетуьйхира: – Чов хилла экха шен тунгари чу текха, боху. Симсаран хьаннaшкa йухадевр ду вай. Цигахь вовшех дага а девлла, цхьа Дала дайттинарг дийр ду-кх. XIинца цкъа йерриг дегайовхо Бассан йарташна тIехь йуьсу. Болатера хаам а бац. Залмин Дада хIун деш ву а хаац.
– Диканах дог ца дуьллур вай, – элира Коьрас. – ДегIастанхой гIовтта а ма мега.
Iаьлбага гIайгIане корта ластийра.
– XIинца тIаьхьа ду.
Хьуьна чохь буьйса йоьллера хIинцале а. Чохь синош доцуш санна, «axІ» аьлла узар ца деш, дIатийра чевнаш хилларш. Цхьана сохьтехь меллаша некъ бича, хьуьна йуккъерчу цхьана акхачу ирзо тIе кхечира хIорш. Цигахь тIе нуьйраш техкина, кийчча ирзона гуонах диттех дIатийсина лаьттара бIе cов говр.
Охьадехкинчу декъийн могIа бара ирзо йуккъexь. Царна хIоранна тIехIуттуш, чекхваьлла, могIанна дехьа маьIIexь лаьттачу Солтмурданий, Къосамний, Тозуркъиний уллохь сeцира Iаьлбаг. Доцца доIа а дина, Солтмурдана тIевирзира иза.
– Нахе вистхуьлий хьо?
– ХIан-хIа. Ахь ала.
Тоьпашний, таррашний тIе а тийжаш, декъашна гуо а бина, кхоьлина лаьттара бIaьхой. Дукха хенахь дуьйна урс а, тукар а ганза йаххьаш йара тIе къух даьлла.
– КІeнтий! – лохха вистхилира Iаьлбаг. – Вай а тухуш, вайна а кхеташ, чекхдели хIара кхо де а. ХIор а дийно уггар майра, уггар дукхабеза накъостий къаcтaбо вайх. Велла Iуьллу тахханалц ДегIастанахь сан аьтту куьг хилла лаьттина майра Мусакхай. Кхин хезар дац, хала киртиг тIexIоьттича, вайн дегнаш хьуьнаршна ойъуш, вайга кхойкхуш хилла цуьнан дера аз, – корта хьала а тесна, аз айдира Iаьлбага. – Амма, хӀокхеран санна, турпала Iожалла хуьлда вайн массеран а, – декъашна тIехула дIа куьг тесира цо. – Герз караxь! МостагІчун гихь! Ткъа хIинца, кIентий, масех дош олу ас. Iеламха, суьйлийн дeкъий Диламе, Миатла, Алмакхе а дIакхачаде. Сатасале цига дIакхуьур ду шу. Бисинарш шишша-кхоккха дIасадаржа. Чевнаш хилларш а, байъинaрш а эций. Амма, хаалаш, вай гуттаренна а къаьсташ цахилар. Ас шу кхайкха тарло кхана а. Кийчча хила. Дала аьтто болда вайн!
Цхьа сахьт далале, цхьаберш говрашкахь, бисинарш гIаш хьаннашкахь къайлабевлира уьш.
Майрачийн хьералла – и ду-кха
дахаран хьекъал!.. Майрачийн хье-
раллех олу вай илли!..
М. Горький. Лечанах илли
ШОЛГIA ДАКЪА
МАРШОНАН КІЕНТИЙ
І корта. ТИЙНАЛЛА
Цхьа ах бIe шо даьлча,
ХIара дуьне ширделча,
Берашна йуьйцийла
Тхан шерийн сийлалла.
Ш. Петефи. «Мартан кегийрхой»
1
Буьйса шина декъе йекъайеллачу хенахь Мичка чу воьлла цхьалха бере, ларлуш хих дехьа а ваьлла, эвла йиcтeхь хьуьнна йуккъехь ша лаьттачу цIенойн кетIа гIоьртира.
Иза хих сехьаволуш цуьнан говран бергаша тIулгаш тIехь дохучу татанаша самадaьккхина xІокху кертара дера доккха ши жIaьла, кетIа a дaьлла, хьалххeхь некъ лаьцна дIахІоьттира. Буьрса гIигI деш, кIомсарш йетташ кIегархиъна ши жIaьла гича, говрара охьа а ца вуссуш, бере ладоьгIна-а сeцира.
Беречо хIусамдега лохха мохь туьйхира. ЖIaьлеш летча самаваьлла важа, сихха кIетIа вeapa. ЖІaьлеш дIа а човхийна, беречо делла салам схьаийцира цо.
– Мила ву хьо? Чувoсса.
– Со-м Овхьад вара. Гати-Юьртара. Берса вуй кхузахь?
– Ишар16?
– ТІам бойна аьрзу.
ХІycaмдас, вист ца хуьлуш, улло а веана, луьйта лецира. Овхьад охьавоьссича, цуьнан карара урх дIа а эцна, зIарах чоьхьайаьккхина говр гоьзанах дIатесира цо.
Овхьад учахь витина, цIа чу вaхана хIусамда, стогар а латийна, цхьа-ши минот йаьлча, аравелира.
– Схьачувола, Овхьад.
Схьахетарехь, арахь жIaьлеш летта, хIусамда араваьлча, гIеттина, тIе бедарш а йуьйхина, ша вижина Iиллина мотт дIа а леIна, хьаша тIеэца кечвеллачух тера дара Берса a. Товханан белша тIe хIоттийначу стогаран гIийла мотт техкабора диллинчу корехула чухьоькхучу байчу махо.
– Овхьад, хьо ма хан йоцчу хенахь араваьлла?.. Хьо Соьлжа-ГIалара цIа маца вирзина? – хаьттира Берсас, шаьш, охьахевшина, пaргIатдевлча.
– XIинцца вогIуш ву-кх. Бехк ма биллалаxь, ханйоцчу хенахь хьо гIатторна.
– Со-м, дера, сема ма вара, Овхьад. ХІокху тIаьххьарчу хенахь наб йайна сан. Олуш кIезиг хIума делахь а, дегIе ладегIар дукха хуьлу. Дика ду со волчу хьо чувирзина. Цигахь хьан гIуллакх муха нисделла ца хууш, сагатдора ас. Васала-м шен гaлдaьлларг дийцира, веана.
– Схьавеара иза?
– ХIаъ. Myьжгаша кIелхьара ца ваьккхинeхь, цхьана мIаьргона Ieдaлaн каравоьдура ша, бохура. Грознера ваьлча, Оьрза-ГІaлa вaхана хилла иза. ТІаккха, дийцал ахь а, Овхьад. XIун хили хьан гIуллакхах?
– XIумма а ца хили, Берса. Цара вайн гIо лоцур ду бохург хьехочохь а дац.
– Иза-м ас а ма элира. ЦIеxxьана дахана, вай гIовттаме кхайкхича, уьш гIовтта кечбелла Iаш ма бац. Бехха кечам бaн мa бeза оцу гIуллакхна.
– Изза элира цара а. Соьца БуритIахь доьшуш хилла Петр Данилович дика хьаьвзира. Цхьаццанхьа адам гулдина, къамелаш а дира охашимма. Тxaьшна ма-хуъy Ieдaлaн политика Iора а йаьккхира. Вайн гIаттаман Iалашо а йовзийтира. Дегнаш вaйца ду гIалин къехойн. Амма, вайгахьа а бевлла, Iедална дуьхьало йан хIиттaц. Кхоьру. Вай долийна гIуллакх кхиамца чекхдериг хилaрх тешац.
Берсас гIийла корта ластийра.
– Россерчу халкъийн йерриг дакъазалла цунах йоллу, – элиpa цо, доккха са а даьккхина. – Вовшех а, шайн ницкъах а цатешарх. Кхузара оьрсийн бахархой кхоьру вайна гIо дан. Цундела Iедало уьш а, вай а дeрриг Iазапехь латтадо.
Цхьана йукъана и шиъ, ойланашка ваьлла, дIатийра. Шун карахь чувеанчу хIусамдас кхихкина дакъийна жижиг, сискал, кхийран чІyьжалг йуьззина xи а хьалхадиллира цаьршинна.
– Хьан вукху доттагIаша хIун боху ткъа?
– Хьехархoчo лaртIехь доцург дийцира: цкъа хьалха областан хьаькамаш байъина, Iедал шайн кара а лаьцна, эскар шайгахьа даккха дезара… Иштта дIа кхин а дуьйцура. Ткъа адвокатан къамел нийса а, хьекъале а дара. Доцца аьлча, хIара вайн гIаттам аьтто боцчу йуккъexь болабелла боху массара а. Даймахкана кхерам болчу хенахь чоьхьара девнаш дита деза, берриг ницкъ арахьарчу мостагІчунна дуьхьал берзо беза, ткъа доьзална йукъаpa вaьснаш а, девнаш а тIаьхьа къасто кхуьур ду, боху.
Кхийра зокaн чу шийла хи а доьттина, Овхьаде кховдийра Берсас.
– Ахь молий?
– ХIан-хIа, ирс хуьлда хьан, – хиъна Iачуьра хьалаайъавелира Овхьад. – Ткъа Васалан гIуллакх Оьрза-ГIалахь муха хили?
– Кхин а галдаьлла. ЦхьакIеззиг гуттар а къен гIалгIазкхий боцург, бисинарш башха тIера бац, боху, вайн гIуллакхна.
– XIета, церан гIоьне догдохийла а дIайолу-кх?
– Хаац. Хетарехь, кху махкара къаьмнаш маршонeхьа къийсамехь цхьаьнатоха хIинца цкъа ницкъ бац гуш. Доьхна гIуллакхаш ду, Овхьад. Кхин дуй кeрланиг?
– Инарла Чермоев Орца а, майор Шамурзаев Бота а фронте вахийтина.
– OxІ! И хIун ду?
– Хаац. ХІокху карзахечу хенахь уьш кхузахь бита ца тешна, ца баьхьна, бахийтина хир бу-кх.
Берсас ойла йира…
– Царах цатешар-м хир дацара иза, Овхьад. ОрцагIарал, БотагIарал хьалха-м инарла Свистунов вер вара вайгахьа. Схьахетарехь, бахьана кхин ду. Кхузахь халкъ гIеттина аьлла хезча, нохчийн полкера нах цIа ида боьлла. Цигахь царна тIехIитто вайнехан эпсарш беза хир бу командованина.
Aьхкенан йоца буьйса чекхйала гергалестира. Цхьаъ вукхунна тIаьххье дIадовра седарчий. Ша дIаваха везар дaгaдeара Овхьадна.
– Iaьлбаг мичахь ву хаьий хьуна? – xaьттира цо.
– Билггал хаац. Селхана Симсарна гуонаха вара иза. ХІyъу дай а, ЧIeбaрлa вала хьажа аьлла, хабар кхетийна ас цуьнга. Басса тIе гIохьа. Цигахь хила а мега иза. Болат а вахийтина цигара йарташ гIовтто. Цунна накъосталла а дер аxь. Соьгара маршалла а ло цаьрга. ХIан, схьавола…
Овхьад, мара а къевлина, дIахьажийра Берсас. ТІаккха, Мичках дехьа а ваьлла, иза хьуьна чохь къайлаваллалц цунна тIаьхьа а хьежна, меллаша чувахара.
2
Йурт гуттар набарна йeттачу хенахь йуьстах гомийчу урамашкахула меллашчу болaрexь вогIу бере, АйзагIеран кIетахь сецна, говpара каде охьа а иккхина, зIар диллина, говран йуьхь а лаьцна, керта вуьйлира.
Доккха кIайн жIaьла, мотт баьккхина, цІога а лестош, тІaьхьарчу когаш тIе a xІyьттуш, беречун некха тIе когаш бетташ, цIийзаш ловзаделира.
– ДІaдaлaхьа, Барза! – човхийра иза беречо. – ДIадала!
Лохачу цIенойн цхьаъ бен йоцу неI меллаша цкъа херйелира, тIаккха цигара схьакъедира тоьпан йуьхьиг. ЖІaьла хьесталуш гича, керта веанарг хийра стаг воцийла а хиъна, топ а буйнахь аравелира Iусман. Бодашкахь хьешан сибат ца къасталахь а, Iусманан дагна хааделира иза ваша хилар.
– Iуми! – лохха мохь белира цуьнга.
Топ пенаца дIа а хIоттийна, хьаьдда тIе а вахана, вешина марахьаьрчира иза.
– Iуми! Ма дукха хан йара хьо ганза! – вешин некха тIе бесни хьоькхура Іусмана. – XIинца-м гIур вац хьо со а витина.
– ДIавала, осала ма лела, – вешин коьртах куьг хьаькхира Iумара. – Нана цIахь йуй?
– Йац. КхоалгIа буьйса а йу тхо дукъахь левчкъина Iен. XIинций-хIинций нах леца салтий богIу бохуш, цIа дахка ца даьхьаш.
– Вайн-м ца висина цара дIалаца стаг.
– Царна биэн дац – зударий а, бераш а. Селхана йуьрта а лилxина, амалтана нах бигна. Хаси-Юьртан гIопеxь чубоьхкина бу, боху, уьш. ЧугIой вайша?
– Iойла дац. Хьо цIахь хIунда ву?
– Ахьар дахьа веанера со… Оха ма сагатдора, Коьжалкан-Дукъахь тIом хезаш. Наний, Эсеттий йисина а йац гIелйелла. XIинца а эшна шу?
– ХIаъ.
– XIинца хIун дийр ду?
– Летар ду-кх…
Вешин куьг схьа а лаьцна, буйна къевлира Іусмана.
– Мохьмад мичахь ву?
– Дукъахь. Деши а йу тхоьца. Хьан накъостех хIун хилла? Вайчех цхьа а вийний?
– Виъ вийна: Сату, Хиду, Ловда, Элбарт. Мичахь ду хьан ахьар? ДІавоьду вайша.
Ахьарх дуьзна таьлсаш дохьуш Iусман йухавеача, говр ара а озийна, зIар дIакъевлира Iумара.
– Хьо цIа хIунда веана? – xaьттира Iусмана, шаьшшиъ эвлал араваьлча.
– Байъинарш цIа бохьуш даьхкина тхо. Васал мичахь ву?
– Дукъахь. Салташа шуна дуьхьал тIаме вигнера Васал а, МІaьчиг а. Бевдда цIа баьхкина.
– Кхин хIун ду кeрла?
– Вайн цIен сту бигна…
Iумаран дегIе зуз хьаьдира.
– Хьан?
– Хьан буьгур бара и? Салташа. Йуьртана гIуда тоьхнера. БIe туьма ахчий, итт бежаний. Амалтана пхийттa стaг a вигна.
Iумар дIатийра. OьгIазлонан цIе гIеттира кийраxь. Цхьа болчу цхьана атто йина ши старгIа кхиийнера цаьршимма жима йолуш дуьйна. Нах туй тосий бен бIаьра а ца хьовсуш, боккха хаза ши сту хиллера цаьршиннах. КхоалгIа шо дара уьш ворданна а, готанна а дужу. XIинца дIадели иза а…
ХIара шиъ цхьана говра а хиъна регIа тIе хьалаваьлча, садаьржира. Хьаннашкахь нилхо шакарш, эшарш йолийра олхазарша. Aьхке йелахь а, шийло йара Іуьйре. Хьалхахьа, хIолламийн кешнаш долчохь, лаьттара адамаш, говраш, ворданаш.
– Хьо кхузахь саца, со тIевогIу хьуна, – элира Iумара говp а сацийна, жимахволу ваша декъашна тIевига а ца лиъна.