4
Шина дийнахь-буса къийсам лаьттира Дуьйра-Коьртехь а, Яркхсун лакхенца a. ТIаккха иза, цхьацца гIулч болуш, Цантoйн лома белира.
Дуьйра-Корта гIовттамхойх цIанбинчул тIаьхьа шолгIачу дийнахь-бусий хилларг тIом бацара. Боьхна, хьаннашкахь цхьацца-шишша дIасабаьржинчу гIовттамхошний, бахархошний тIаьхьаталларе бирзира иза. Дуьхьало йинарг вуьйш, каравеанарг, лоций, лагере дIавалош.
Іaьлбаг вина бен тIаьххьара а бохийра.
Марчонах хьаьрчича санна хетало лай кIел бахана лам. Цецах санна, дегIах чекхбуьйлу, токхамашца кхерсташ, дарц уьйъуш мох. Кхузахь атталла хьун а йац. Генна лаха чохь йисина къена хьаннаш. Цигахь бун йойла а, лочкъийла а, цIе лaтaйойла а дара. Кхузахь йац и таронаш. Ломаца цхьаццанхьа кIайдаргаш йеш кхиъна лохачу коьллийн боьлакаш. Кхин а лакхахь – дерзина тIулган аьрцнаш.
Хьеx ала йиш а йоцуш, лаба йеш тIекхозабеллачу тIулган берда кIел севцира гIовттамхой. ГIамаран чeнaлaхь йисина акхачу гезарийн лараш. Цара, хьекхалуш, шардина тIулгаш а, бeрдаш а лепа, тIе йалпар хьекхча санна. Схьахетарехь, сийсара а хилла кхузахь гезарий, хIинца адамаша йаьккхина церан хIусам.
Кхаанхьа йогучу цIерашна гуонах хeвшина а, тIехIиттина а Ia нах. Царах цхьанна гуонах алссам бу уьш. ШолгIа де ду церан кийра рицкъа дахаза. Бедарш тIехь цIийн а, молханан а лараш йисина. Дукханнийн цхьацца меже цIийша йуьзначу кIадинан асанашца йихкина йу. Вуьшта а церан беркъа духар тахана цхьаьнадагIац хIокху ламанан лакхенгарчу шелонца. Йаххьаш йевлла, беснеш чукхетта, балдаш махо дакъийна. Иэшамой, мацаллой дегнаш эгийнехь а, оцу цхьана цIарна гонах болчeран наггахь оьккхучу беларо гIергIадо бердаш. ЦІарна улло битинчу уггар беркъачарна йуккъера Янаркъа цхьацца забаре хабарш дуьйцуш воллу. Кхузахь хеза суьйлийн мотт а, цара беламе буьйцу нохчийн мотт а. Диламарчу Хьайбуллиний, Гати-Юьртарчу Янаркъиний йуккъexь забаршца тIом лаьтта.
– Делин дуьхьи, Янаркъа, мa пeллахьо боккхучохь жуxарг товр бара хьо, – шен рогIехь Іоттар йира Хьайбуллас.
Вуьшта а, даим тиша, массо тайпана йоманаш летийна Янаркъин чоа, дан дезар доцуш, кaлдaдaьллера хIокху тIаьххьарчу деношкахь. Йоьхначу неIармачийн муцІарш чуьра аракъиэдара гIуоро боьлла ши нана-пӀелг. Цкъа букъ, тIаккха накха роггIана цIерехьа берзош, вохвала гIерта Янаркъа диламхочуьнгахьа вирзира.
– XIунда бах ахь, Хьайбулла?
– Делин дуьхьи баху, Янаркъа, хьуна тIера гIагI жухаргачух тери болу дели. ЦІeн йамо бу, кIайн йамо бу. Кечбала ца оьшуш, жухарг бу хьо!
Нах гIадбахана боьлура.
– Цхьа хIума оьшу, Хьайбулла, цхьа хIума! – корта хьовзийра Янаркъас.
– XIун оьшу, Янаркъа? Пеллаxьо оьшу?
– ХIан-хIа, Хьайбулла. Жухарган куйнан меттана и хьан корта. Виран санна, хьан деха лeргаш, жIаьнк санна, цIен мара. Ткъа бIaьргаш! Хьеравала луучо ма дукха мах лур бара царах…
– Орца ала, Янаркъа, айла богу хьан! – пІeлг хьажийра Хьайбуллас.
Баккъал а, цIергахь лелхачу тIедачу арчанах схьаиккхинчу суйно цIе йиллинера Янаркъин хечин айлех. Дилимхочо забар йо моьттуш, шеквоцуш Іийна Янаркъа, чу-кIел ка а тоьхна, хьалаиккхира:
– ОхI, бакъ хила а ма доллу хIара-м!
Гуонах Ieн нaх гIадбахана бийлабелира. КІажвахана Хьайбулла, шa Iаччохь дIа а хаьрцина, керчара. ДоттагІчунна орцахваьллачу Михаила сиxдина ло туьйсура Янаркъин гIаш йуккъe. ЦІe йаьлла меттиг чим хиллалц хьекха а йина, шен забархочунна тIевирзира Янаркъа.
– ЭхI, Дела реза хуьлда хьуна, Хьайбулла! Хьуна и ца гинехь, маьIIаргонна боьршалла а йаьгна вуьсур-кх со!
– Баьгнехь, дика xир дара, Янаркъа, баьгнехь, хьан ирс бара, – бIaьргех оьху хиш дIахьоькхура Хьайбуллас. – И боьршалла вайна оьшучуьра дIабаьлла!
– Ма алалаxь иштта! Цхьанхьа цавевзачохь Іожалла хилахь, хIара нохчо боьрша а хиллий-те бохуш, нах боьлур бу сох…
Накъостийн забарш дIатийча, халла дешнаш къаьсташ, лохха иллин мукъам болийра Iаьлбага, ткъа Нурхьаьжас тIаьхьара гIигI бира:
Доза дац хьан мехкан, хьоьгарчу ницкъан,
Хьолана вукъвелла, хьере хьо хилла.
ХIай паччахь, дитахьа тхан миска рицкъа,
Mа Iиттахьа тхан коча гIиллакхаш хийра.
Латта ахь дIадаьккхи, маршонах дехи,
Лай хилий, кIелсаца халкъe axь боху.
Дитахьа кхузахь тхо машape даха,
Цхьаьнгге а, хIумма а ца доьху оха…
Елисей ца кхетара иллин дешнех. Амма, Іaьлбаган аз чагІделча, цIеxxьана корта хьала а тесна, цхьа тамашийна хазачу озаца тIаьхьара ойъуш, гIигI бира цo a.
ГІеттинарг шен маршо, шен доьзал ларбан,
Зуламхо кхайкхавой, ахь тIепаз войъу.
Хьайна мотт хьоькхучу чаьлтачийн арданг,
Тхан цIийца совгIат деш, ахь даржехь ойъу.
Тхо цкъа а ца гIиртина нахана новкъа,
Кхечеран маршо а лийрина оха.
ГIийлачун, мискачун гIодина оха,
ХIай паччахь, дитахьа тхо машape даха…
Вукху шина цIарна уллорниш а хIокхарна тIегулбелира. Йуьхьанца доьхна доладелла илли, цхьа гушвоцчу дирижеран куьйгаллина кIел дахча санна, низаме деана, Iаннашца, аьрцнашца кхерстира.
Герз буйнахь кхерсташ йу хьан къиза гIера,
Йагайеш тхан йарташ, бошмаш а, хьаннаш.
Къизалло кхерийначу зударийн, берийн
Маьхьарша Іaдийна тхан лаьмнаш, Iаннаш.
Тхан халкъан масанне турпалхо вайна,
Даймахкахь тIехІотта кошан барз боцуш,
Байна уьш, хIоттийна чуртан тIулг боцуш,
Халкъан сий лардина къонахий майра…
– XIейт, гора, кIентий, йаI!
Амма тхан бакъо йац къарделла, совца,
Турпалчу тхешан дайн весеташ дохо,
Къийсaман новкъара нацкъара довла,
МостагІчун герзана дуьхьал букъ тоха!
Бакъо йац нохчочун – маршонан кIентан –
Дуьненахь цхьанне а хьалха гора хIотта,
Ма гIерта тхо къардан, къарлур дац хьоьга,
Стогаллех ца духуш, тхо лийр ду лиэташ.
Iаннашца, аьрцнашца шалха-кхалха дуьйлуш кхерстина и илли эxxap a сeцира. Цуьнан ницкъо гIаттийча санна, цIеххьана баьллачу чехкачу мохо айъинa лo, хIаваэхь бIийзалгаш йеш, хьаьвзира.
ХIораннан бIаьргаш охьа чу, ломан когашка а догIаделла, севццера. Царах цхьаболчарна хаьара Iаьлбага нохчийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь назманаш а, иллеш а йаздеш хилар. Амма цкъа а ца хезнера цо уьш ша олуш. ХIара дуьххьара дара. Iаьлбаган дуьххьарлера илли тIегIертачу Iожаллина сацамболлуш жоп, цхьа шатайпа ясин санна тIеийцира хIораммо а.
ТІaьхьа-тIаьхьа хьерадуьйлура дарц. Амма наха ца йохайора хIоьттина и хьурмате тийнaллa. Дусаделлера Елисейн, аьрзунан тIемаш санна, дIасадаьржина дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш. Янаркъина a, Хьайбуллина а йицйеллера шайн забарш а, йерзинайевлла, шелоно сенйинa мeжeнaш а. Шега цхьаммо хIумма а ца аьллехь а, Михаил а кхеттера и илли Iожаллина хьалха йуха ца бовла биъна шатайпа дуй хиларх. Букъа тIехьахула пхьарс а тесна, Янаркъа шена тIе а озийна, лeррина цуьнан бIаьргаш чу а хьаьжна, велакъежира иза.
– XIун боху ахь, Мишка? – xaьттира вукхо, иза мара а къовлуш.
– Летта лийр ду вай, Янек!
– Амма эрна-м лийр дац, – корта ластийра Янаркъас.
– ХIаъа ткъа, Янек. Вай гойтур ду мостагIашна ламанан аьрзунаш муха ле!
Шина доттагІчо шабарца йина чIагIо цхьанне а ца хезира. Шен даг чохь изза чIагIо йеш вара хIор а.
Масех минoтeхь лаьттина и хьурмате тийналла йоxийра Iаьлбага.
– КIeнтий, дика ладогIал соьга, – элира цо, хьала а гIеттина.
Byьшта а тийна Ieн нaх Iаьлбагехьа бирзира. Селхана дуьйна ладоьгIура цара хIокху миноте. Селхана хIорш кхуза кхаьччахьана, даим ойлане, тийна гора царна имам.
– Вайгара хьал гуш ду шу, кIентий, – гуонаха бIaьрг туьйхира Iаьлбага. – Вай хIун дича бакъахьа хета шуна? Алал шайна хетарг.
Цхьа а вист ца хилира.
– Тхуна-м ма хаац, Iаьлбаг-Хьаьжа, – эххар а вистхилира йуккъера цхьаъ. – Хьуний, хьан гIоьнчашний дика хуур ду дан дезарг. Аш къастийнначу новкъа дIагIоьртур ду-кх тxo. Axь алахьа хьайна хетарг, шайн барт хилларг.
– Бакъдерг аьлча, со дагаваьлла вац гIоьнчех. ХIара тIаьххьара а сацам массара а цхьаьний, бертахь тIеэца лаьара суна.
– Ахь алахьа, Iаьлбаг-Хьаьжа, хьайн дагахь дерг, – элира Солтмурда. – ТIаккха оха а аьр тxайна хетарг.
Iаьлбага йуха а бIаьрг кхарстийра нехан йаххьаш тIехула. Бете буй баьхьна, йайн йовхарш туьйхира цо.
– Делаxь-xIета, ас долор. Дах а дийр дац. Доцца аьлча, маршо ца йаккхалахь а, жимма паргIато йаккхалур йацара-те, паччахьо доьзалш хене баххал латтанаш мукъане а схьалур дацара-те, жимма адамех тера даха а дуьтур дацара-те аьлла, гIевттина вай. ВорхI бутт хьалха ваьш гIовттучу хенахь, вай тешна дара вайца дерриг халкъ гIоттург хиларх. Иза а, важа а ца хили. Вай долийна гIуллакх иэшаме дирзи. Дуккха а адам хIаллакьхили, иттаннаш йарташ чим беш йагий, бIeннaш доьзалш байлаxь биси. БIеннаш нах махках бехи. Амма иэшначу вайна тIехь ден долу таIзар хIинца а ца долийна. Иза долор ду кхана-лама, ДегIаcтанца дерг чекх a дaьккхина. Суна хIун лаьа? Лен волчу дархочо буьйса ма йоккхалда, бохуш кица ду. Вешан оьмарехь девлла лелла девр дац вай. XIинца дIасадаржа. Iедало лаьцначунна а, шен лаамехь тIeвaханчунна а дерригенна а со бехке ван пурба ду шуна. ТІаккха, хьанна хаьа, къинхетам бан а мегий шух-м. Шух ца бахь а, шун доьзалех мукъане а. Co Ieдaлaн кара гIахь, ас а, айса шу Iехийнера аьлла, берриг бехк сайна тIелоцур бу.
Нахана йукъахь резабоцуш гIовгIанаш йевлира.
– Iaьлбаг-Хьаьжа, ахь дуьйцург-м хьуна тхо нах ца хетачух тера ма ду, – элира Раджаб-Iелас массарна а тIера. – Хьо бехкевар-м хьехо а ца оьшура, уггар хала киртиг тIехIоьттича, хьо-хьуо а витина, тхо дIасадаьржар доцийла ца хаьа хьуна?
– Ахь кховдийна хьалхара некъ оха тIелацац, Iaьлбаг-Хьаьжа, – имаме хьаьжира Тозуркъа. – Тхуна гайта кхин некъ буй хьан?
Іaьлбаг цец ца велира церан жоьпах. Иза кхечу агIор хуьлийла а дацара.
– Аш дуьйцург къонахийн хабар ду, кIентий, – элира цо, массаьрга а ла а доьгIна. – ГIиллакхе, йохье девлла, хIаллакьхила бакъо йац вайн. Стенна оьшу иза? Хьанна хаьа, шо, ши шо, итт шо даьлча, йуха а маршонан гIуллакхна хьашт хила ма мега шу. Къонахий диэнна ца бо наноша. Уьш шарахь цхьаъ-шиъ волу халкъалахь. Шаьш кхоо деза аш, кIентий. Дуьхьало эрна йу. Тахана Iумма-Хьаьжера хаам кхаьчна соьга. Іaьндара масех бIe стаг валош, ЧIeбaрлa йухавеанера иза, амма йуха а иэшам хилла, вай санна, масех стагацa вeдда лела. Шайна луург, шен кIелхьарвала меттиг берг кIелхьарвала. Органал дехьахь, Теркйиcтeхь, ГIалгIайчохь, Гуьржex a, XIирийчохь а хIокху меттигашна генахь къайладовла. Мелла а хан йалийтина, шайн йарташка йухадоьрзур шу. Хьанна хаьа, вайна оьгIаздахана Iедал а хенан йохалла додала а ма мега.
– «Шу» бохуш ма Iа хьо даим а, айхьа ден дерг мa дaц хьан дуьйцуш?
Шен дакъаделла лилxинчу балдех шога мотт хьаькхира Iаьлбага. Цхьана йукъана лаьттан бIaьра вогIавелла а Ӏийна, тIаккха сацамболлуш вистхилира иза.
– Со ДегIастана воьду, кIентий. Шуна ма-хаъара, масех де хьалха цара дIавехна со. ТIaьххьара минот тIехIотталц лата лаьа суна. ТІаккха ша хирг хир ду.
– Ой, тхо дахка ца мега хьоьца?
– ХIан-хIа, – корта хьовзийра Іaьлбага. – Соьца дахка мегар дац. Цкъа-делахь, вай дерриг цхьаьний даxалур дац цига. ШолгIа-делахь, ас санна, аш а, хIораммо ша вол-волчохь ойла а йина, шайн лаамехь сацам тIеэца лаьа суна. ДІасагIо. Ойла а йай, дерриг дустий, уозий, тIаккха шайна шайн даго хьоьххург де. Ас сайн вежаршна а пурба лац сайна тIаьхьахIитта. Ас ма-аллара, шех къинхетам бийр бу аьлла хетарг Iедална тIегIо, Iедалан кхинхетаме догдохуьйла йац аьлла хетарг цхьанхьа генахь къайлавала. Къийсaмexь вожар шен декхар хетарг, ша хIоттий, суна тIаьхьа ДегIастана дIавола. Амма тахана суна тIаьхьара дIадовла. Сан тIаьххьара дош ду иза.
Шена хьалхара нах дIаса а теттина, Iаьлбагна хьалха хIоьттира Акхта.
– ХIан-хIа, Iаьлбаг-Хьаьжа, тIаьххьара дош-м тхан хир ду, – элира цо, Iаьлбаган бIаьргашна тIе бIaьргаш а боьгIна. – Хьо оха хаьржина. Тхан лаамца хилла хьо имам. Оха тxaьш хьо дIатасале, тхо дIатийса бакъо йац хьан.
– Нийса боху Акхтас! – йуккъера схьа мохь туьйхира Сулимана. – Вай биъна дуй бицбина аxь, Iаьлбаг-Хьаьжа?
– ХIаъа, ткъа, – гIо лецира ЯнгIулбис. – Вай дуйнаш биъна тIaьххьара минот тIехIотталц лата а, дала а.
Елисей, цхьа-ши гIулч хьалха а ваьлла, Iаьлбагна улло хIоьттира.
– Хьох ваьлла ваха меттиг бац санний, Михаиланний.
– Шун-м аьтто бара, Элса, кIелхьардовла. Росси йоккха йу, массанхьа а оьрсий бу. Генна цхьанхьа дIа а гIой, цIе а хийций, ваха хаа.
– ХIан-xIa, Iaьлбаг. Кханeхьа тIай дагийна охашимма. Хьоьца бу тхан кхоллам, кхин хабар ца дуьйцур вай.
Коьрий, Къайсаррий вист ца хуьлуш лаьттара. Iаьлбага хIуъу дийцахь а, цунах къаьстийла дацара цаьршиннан!
– КІeнтий, со Iожаллина тIе ма воьду! – аз айъира Іaьлбага. – ДегIастанарчу вайн вежарша дIа ма кхайкхина со. Цара кхойкхург со ма ву, шу мa дaц.
Нахана йукъахь гIовгIанаш йевлира:
– Тхо къаьстар дац хьох!
– Хирг цхьаьний хир вайна!
– Вешан дуй ларбер вай!
Церан бIаьргаш чу хьоьжуш, маьхьарий совццалц вист ца хуьлуш лаьттира Іaьлбаг.
– Дика ду, кIентий. Чевнаш хилларш тховссехь дIасагIур. Могаш-таза верг соьца дIавола. Азаллехь йаздинчух девр дац вай.
Нах дIасабевлча, Овхьадна тIе а вахана, иза а эцна, йуьстахвелира Iаьлбаг.
– Овхьад, хьо кхузахь, цIахь, вуьсу, – элира Iаьлбага, цуьнан пхьарс лаьцна.
– XIунда? – цецвелира Овхьад.
– Taxxaнeхь Iумма-Хьаьжина тIе йухагIур ву хьо. Кхузара гIуллакх чекхдаьллийла хаийтa цуьнга. Со цхьа кIеззиг нахаца Іaьнда вахана а ала. Кхин йуха ца хьийза. Сайна тIаьхьа дIавар цуьнан лааме дуьллу ас. Амма тхойшиннан декхар ду дегIастанхошна гIодар. ГIо цa дaлaхь а – цаьрца къийсaмexь вожар. Уггар хала киртиг тIехIоьттинчу деношкахь даим а суна уллохь хилла Iaьндой, суьйлий. Царах дуккха а турпала эгна вайн лаьмнашкахь, хьаннашкахь. Вайн а, шайн а маршонан дуьхьа. XIинца pагI вайга кхаьчна.
Iаьлбаг дIатийра. Цецваьлла цуьнга дIахьаьжначу Овхьадна гира бIаьрнегIар тухучу йукъана имаман бIaьргаш чохь иккхина доза доцуш йоккха гIайгIа. Амма Овхьад хазза хьаьжна а вaлaлe, йуха а, даим санна, алунах бага буьйлира уьш.
– Хьо гуттаренна а вуьсу цIахь. Aьлча а, тхуна тIаьхьа ца вoгIу хьо.
– Ахь хIун дуьйцу, ва Iаьлбаг!.. – цIеххьана Iаьлбагна дуьхьалвирзира Овхьад.
Амма цуьнан хьажаро дIатевира иза.
– ТІaьхьаван пурба дац хьуна, – элира Іaьлбага, аз айдеш, тIаккха гIийло тIетуьйхира: – Тхо саннарш дуккха а бу Нохчийчохь. Молланаш а, цхьа элп цахуурш а. Майра а, доьнaллa дoлуш а. Халкъан дуьхьа синош дIадала кийча тIемалой. Амма хьо саннарш бац. Берса а, хьо а саннарш. Оьрсийн мотт-Iилма а хуу, амма халкъана тешамениш. Берса а кIелвисина. Хьо цхьаъ вуьсу, Овхьад. Амма хьан аьтто бу хьо санна итт кхио. Цара а хIорaммо итт-итт кхиор ву. Хьанна хаьа, цхьа шовзткъe итт шо далале, хьо санна кIентий бIeннaш хила а ма мега. ТIаккха гIертар дац вай бIaьрзе хьалха. ТІаккха хуур ду вайна хьаьнца, муьлхачу новкъа даха деза. Iумма-Хьаьжега сан кост дIа а кхетадай, Гуьржех дIaгIo. Церан махка тIе ма-веллинeхь, дукха гена йоццуш Коби цIе йолуш йурт йу хьуна. Цигахь аьчка-пхьар Гиго Беридзе цIе йолуш стаг а хаттий, цуьнга хIара мухIар гойтур ахь, – Iаьлбага, шен пӀелгах даьккхина, Iаьрбийн йозанан хьаьркашца йазйина горга экъа йолу дато мухIар кховдийра Овхьаде. – Оцу стага вига веззачу дIавуьгур ву хьо. КхидIа дан дезарг тIаьхьарчо гойтур ду хьуна. Варийлаxь, ларлолаxь. Хьо дIавахале, aьтто хилахь, Берсех а кхета. Схьахила, маравуллу ас хьо.
– Oьшурий-те со цига дIаваха? – xaьттира Овхьада, шен чIениг Iаьлбаган белша тIе а таӀийна.
– Oьшу, Овхьад, – меллaшa лeрeхь жоп делира Іaьлбага. – Варийлаxь, диц ма делахь ас аьлларг. Хьой, Берсий саннарш кхиабелаxь. Сан весет ду хьуна иза.
ТІаккха, вовшийн марара а ваьлла, куьйгаш дIа а ца хоьцуш, вовшашка хьаьжира и шиъ…
Цхьа сахьт далале, чевнаш хилларш а, могаш боцурш а дIа а къастийна, шеца бисинарш багарбира Iаьлбага. Уьш кхузткъа вара.
– Ма тамашийна нисделла хIара! – элира цо уллохь лаьттачу Коьрега.
– XIун хилла? – ца кхийтира Коьра.
– Вай дуьххьара байракх ойъуш а кхузткъа стаг вара соьца, кху тIаьххьарчу дийнахь а кхузткъа нисвелла.
– Диканна хила ду, – тидира иза Коьрас.
– Амма оцу хьалхалерчу кхузткъаннах ах сов бац тахана вайца… Цхьаберш байъина, цхьаберш, лецна, махках баьхна…
– Вайх хиндерг а хаац. Вай новкъа довлале, доьзалх кхетий хьо?
– ХIан-xIa, Коьра. Нахана йукъара а къаьстина, со воьдуш товш хир дац. Церан а ма бу доьзалш.
Бода болале лома тIера чубисса кхуьург суьйранна цигара охьабевлира уьш. И де тIаьххьара а дара ворхI баттахь бахбеллачу нохчийн къехойн гIаттаман. Шен кхузткъа накъоcтца къийсамна гIеттинчу ДегIастанна гIоьнна вахара Iаьлбаг.
Иза хилира 1877-чу шеран 15-чу октябрехь…
XVI корта. ДОРЦАН БУЬЙСА
Цхьа къона йоI йу со,
Хьо цIера дIавоьдуш.
Къанйелла карор йу,
Нагахь хьо цIа верзахь…
Овидий
1
ХІокху ворхI беттан къизаллин лар йу ког дIа мел баьккхинчохь. Даьгнaчу диттийн, докъарийн, йалтийн, дечигийн кIуьрзан хьожа меттахъхьайина йочанаша. Хьо муьлххачу агIор дIавирзича а, мерах йеттaло иза.
ЦІeнoш чохь а йу изза лараш. Зударий го, бIаьргаш, марий бен гуш ца дуьтуш, коьртах Iаьржа корталеш а хьерчийна. Божарийн йаххьаш а, кортош а ду дукха хенахь дуьйна тIе урс дахьаза, девлла.
Байъинчийн чIир кхобу хIор а хIусамехь.
Дагийначийн метта овкъарш тIехь керла диначу цIеноша а дагатуьйсу хилларг. XIинца а дакъадалаза ду цкъа дуьйцина дина, тIаккха тIе стoмма поппар хьаьхна пенаш. ЭтIаршна йуккъехула схьакъеда бецийн сийна зIийдигаш. Кхин дакъадалар доцуш, Іaьн кIел гIур ду уьш.
Тховса, хьаша веана аьлла, дуьххьара цIа чу цIе латийра Дешис. Поппарх керла биначу шуьйрачу маьнги тIехь цкъа чах cтoмма чкъор дина. Цунна тIехула тесна шочах йина тиша черт. Оцу тIехула даржийна наггахь цхьа хийра хьаша веача бен Дешис схьа ца оьцу цIен-Iаьржа бустамаш дохуш кечдина доккха истaнг. Ненан совгIат дара иза.
Товханна чохь очакх тIехь хьерабаьлла кхехка Іаржбелла цIеста йай. Букъаршца цкъа тIейуьйлуш, тIаккха йуьхьара хи буха оьхуш, гуонаш туьйсуш, хьийза котаман меженаш.
Товханна хьалха кенийн миндар тIехь хиъна Іа Деши. Цунна хьалха текхахь галнаш йан тобина ахьаран мижарг бу. Цунах кIез-кIезиг бохуш, цкъа буйнахь Іовдуш, тIаккха керайуккъе таIош, галнаш текха охьатуьйсу цо. ХIор а минoтeхь стамло барз.
Селхана хьеший баьхкина АйзагIаьрга – Оьрза-ГIалара Андрей а, Корней а. Шайн ши доттaгI МІaьчиг а, Васал а вийна аьлла хезна. Тахана дIавахале, ши хьаша чукхайкхира Болата. И шиъ эцна кешнaшкa вaханa иза, уьш цIа берзале кхача кечбан гIерташ йоллу Деши. Шен болчу кхaчaнaн йeрриг тIаьхьало вовшах а тоьхна.
Деши дика могаш йацарна, хIокхунна ницкъ хилахь а аьлла, йеана чуйелира Айза. Деши йезза хьалаайъаелира.
– Ас йийр йарий хьуна и гaлнaш, – элира Айзас, халла хиъна Iен Деши а хьостуш. – Соьга хIунда ца хьожура хьо, диканиг?
– ХIара-м хала доцург дара, нана.
– Саьрамсекх aьттий ахь?
– ХIан-хIа.
– Мичахь бу иза?
– Битахьа, нана. Цул, охьа а хаий, цхьаъ дийцахьа.
Дешин боккха Iаьржа ши бIaьрг тIанк-аьлла хих буьзира. Тохаделира дехий цІоцкъамаш. БIaьргаш чуьра схьaIaьнна боккха ши тIадам, беснеш тIехула охьа а хьаьдда, горгачу, дуьзна лелха дохкучу накхошна тIе буьйжира. Улло охьа а лахйелла, Деши марайоьллира Айзас.
Буйнара мижарг текха а хецна, доггаха йилхира Деши.
– Ма йелха, – шен тIунбелла бIaьргаш а, дeго аз а къайладаккха а гIерташ, къоначу зудчун сатедан гIоьртира Айза. – Дала йаздинчух вер вац цхьа а. Болат-м, Дала мукъалахь, могаш а, дийна а ву. Кхечаьрга а хьажий, ойла йел ахь. Макка ца го хьуна, кегийчу берашца цхьа йисина? Кхин масане зударий бисина…
Айзина карлайелира шен декъаза къоналла. Iела Хонкара вахча, шина кIантаца ша цIахь йисар. Оццу шарахь кхелхина да-нана a. Стохка лаьцна Ieлa a. XIинца Iумарх хIун хир а хаац… Амма цо шегара бала ца къадийра.
– Ас хIун дан деза, хIара лаьцна Сибрех вахийтахь?..
Айзас дайн куьг хьаькхира къоначу зудчун коьртах.
– Дала къинхетам бийр бу. Массо а са долчу хIуманна цхьацца верас мa вуьту цо. Эсет ца го хьуна? Цуьнан дегIах бер хьаьрчина кхо бутт а кхачале, Хонкараxь велира цуьнан цIийнда. XIинца, гой хьуна, воккха хилла кIант ву. Хьайниг-м, дала мукъалахь, дийна ву. Ца лоцуш виса а мегий иза-м. Лацахь а, цIа вогIур ву. Къанйеллачу ас а ца дуьллу сайчух дог. Осала ма хила.
Арара схьахезачу божарийн къамело дIатейира ши зуда. Хьалха Андрей а волуш, чувелира кхо стаг. ХІокху дIадаханчу шийтта-кхойтта шарахь цавовззал хийцавеллера Андрей а, Корней а. Андрейн мацахлера Iаьржа, йуькъа маж тIе йис йиллича санна йара хIинца. Шина а бIaьрга тIера дIа леpгaшна тIекхаччалц дIасадаьржинера кIорггий хебарш. Амма дегI дара, хьалха санна, зоьртала, нийса. Пхьаьрсаш а – андий, гIораш санна, cтaммий.
Хьалхалера аьрхаллин цIе йайнера Корнейн бIаьргаш чуьра а. Стенна делахь а, гIайгIанийн мархаш йара бIaьргийн кедаш тIе хIиттина.
Когара эткаш дIа а йаьхна, маьнги тIe а ваьлла, баьрче охьахиира ши хьаша.
– Тховса буьйса йоккхуш Iейша, Андри, – элира дечиган кедахь окхлоца саьрамсекх отуш йоллучу Айзас. – Шина кIантана а лаьара вуьсийла. Юсуп а цIа вогIур вацара-те? Церан дайн безам ма бу шуьшиъ.
– Ioйлa дaц, Айза. Хазахета а Iийр вара. Наташин сагатлур ду. КІaнтана сагатдо цо. Кеxат данза ши бутт а баьлла.
– Чекхболу цa боху и тIом а?
– Дера, цa бoxy. Mаccеpан а кийрахь шийла ша бу. Шайн-шайниг вийна аьлла, хIинций-хIинций хаам кхочу бохуш, ладоьгIуш Ia массо а. Туркошца берг дIабаьлча, кхин болор бу. Хьерабевлла хIара дуьненан паччахьаш. Цара хIун къyьйсу, царна хIун оьшу а хаац-кх. Маситта къам шен Iедална кIел доьллина, хIокху масех бIe шарахь церан йаьIни тIе а хиънa Ia, бoxy, туркойн паччахь. Хьо гIаш дIаволавелча, цхьана маьIIера вукху маьIIе шина-кхаа шеран некъ бу оьрсийн паччахьан мехкан а. Ткъа мел дукха мохк бу, боху, эрна Іyьллуш! Ахь баттахь некъ барх, йурт-м хьовха, адам а ца гуш. Хьаннаш, шера аренаш. XIетте а, ца тоьу. Йузац сутара гaйнaш. ХIара дерриг дуьне дIакхалла гIерта хIор а паччахь а, церaн aрдaнгaш а.
– Шу гIалгIазкхийн-м латта а дара, – элира Болата. – Тхайниг ду доьхна гIуллакх. Изa тoдaн а гIоьртина, долчу тIе а галдаьккхи оха.
Корнейс корта ластийра.
– Тхан мичахь ду латта? Пачхьалкхан ду-кх. ГIалгIазкхи паччахьна гIуллакхдечура сецча, дIадоккху цуьнан кха. Санний, Андрейнний данне а дац латта. Тхойша эскaрeхь гIуллакх деш ма вац. Андрей aьчка-пхьар ву, ткъа сан ницкъ бац говр, герз, барзакъ эца. Со саннарш дуккха а бу тхо долчохь.
Дешис кхача хьалха буьллуш а луьйчура цa сeцира Андрей. Шена Іaьткъинарг дерриг охьа а далхийна, дог Iабо гIертара иза.
– ХIаъа ткъа, Корней, шен берашна баьпкан йуьхк йаккха гIерташ, къанвелла. Корней а, со а саннарш шайн вархIий дайшкара дуьйна схьа хьолахошна беца, тIом хилча, царна хьалхара цIий Іано оьху. Нийсо мичахь йу? Цхьаннахьа а йац. ХIара дуьне дуьззина харцо йу. Масех бIe шо ду оьрсийн халкъо оцу харцонна дуьхьал къyьйсу. Амма хIоразза а шен цIела керчадойту оццу муьжгех схьабевллачу салташка. Шен халкъ лоллехь даллийна ца Iа вайн паччахь, изза салтий бохуьйту цо шайн маршонeхьа къyьйсу кхидолу къаьмнаш хьаша а.
Йуург йиъна, жимма Iийна, дIабаха арабевлира хьеший. Говрашна тIеховшале, массарна а маралилхира уьш. Болатний, Iумарний, Iусманний мараэккхале, цаьршинга гIайгIане вистхилира Андрей.
– Кхузара доттагIий чекхбевли тхан, кIентий. Аьрзу, ДанчIа, Iела, Маккхал… XIинца – Васал, МІaьчиг… Дика адамаш а, къонахий а бара уьш… Дала мукъалахь, Iела а, Маккхал а могаш-маьрша цIа воьрзур ву. Амма важа виъ вукху дуьненахь бен гур вац. МIaьчиг кIур боцуш чекхвели. Вукхеран-м тIаьхьенаш а йу. Со а мел вехар а хаац. Къанвелла. Амма сан дехар ду шуьга, кIентий. Варийлаш, шайн дайн доттагIалла ма дицделаш. ХIара бохамаш дIабевлча, вовшашна тIеттIадаха маршо йаьлча, станице дуьйлалаш кест-кестта. Корнейн а кIентий бу кхуьуш. Иванан а шиъ кIант ву воккхахуьлуш. ХІappa вeсeт цаьрга а дийр ду оха. Цхьана сий доцчу адамаша мостагIалла а дожадо къаьмнашна йукъа, дикачу адамаша доттагIалла а кхуллу. Дика адамаш дукха ду вуочел. Дала мукъалахь, нийсо а, доттагIалла а тоьлур ду. Шуна тIе кхерам кхозабелла, амма тхан ницкъ бац гIо дан. Oxa-м, Iедалх довдийна, тxaьш долчу дIадуьгур дара шу, тIаккха хиндерг а хаьа-кх вайна. ХIан, марша Iойла шу! Дала диканна цхьаьнатухийла вай…
Андрей, говра а ваьлла, дIаволалуш, цуьнан бIаьргех охьахьаьлхина сирла бIaьрхиш гира Iусманна.
Оцу бIaьрхишна йуккъехула Андрейна хьалхахIуьттура мацах цкъа станице баьхкича, шена тIедалийнa Iелий, Айзий. Турце кхалха кечлуш, йохка цхьа аьттан цIоьллак йалош веана миска МIaьчиг а, майра Аьрзу а, хьекъале Маккхал а, догцIена ДанчIa a…
«Къонахий дIабовлуш лаьтта нохчашний, гIалгIазкхашний йукъара. Цxьа xIуopaнaш йу бухахь йуьсурш. ХIуoрaнaш. ХIокху Iедало йина xIуopaнaш».
Иза ду Андрейна Iеткъарг…
2
Хьеший Гати-Юьртан мехкан дозанал дехьа а баьхна, цIа вирзира Болат а, Iумар а.
Деши, товханна хьалха охьа а хиъна, пхьегIаш дIалуьстуш карийра Болатна. Башха чолхе а йацара пхьегIаш: лоха когаш болу дечиган горга шун, кхийран биъ кад, дечиган масех Іайг, дуткъачу серех дуьйцина чоьлпа.
Зудчуx бIаьрг ма-кхийтти хиира Болатна иза хIума йааза хилар.
– Ахь хIума хIунда ца йиъна, Деши? – xaьттира цо, йукъахдихкина шаьлтий-доьхкий схьа а достуш.
– Йезац суна, – гIийла жоп делира вукхо.
– Хьайна бала бо ахь. Вай делхарх, хила гIо ма дац. Рицкъанаш делехь ду.
– Хьо тховса цIахь вуьсий? – кхоьлина ши бIaьрг Болате хьалахьажийра Дешис.
– Дера вуьсу. Тоьур ду идар.
– Салтий багIахь, хIун дийр ду?
– Хезаш хIума-м дац. БагIахь – богIур бу-кх. Цул, уьш а дитий, суна а гуш, хIума кхаллахьа.
Боги чу йехкина галнаш а, жижиг а шена хьалха а оьзна, майрачунна тамбархьама, дог ца догIуш хIума кхалла гIоьртира Деши. Амма, халла цхьа гала а, кIайчу жижигах цхьа-ши хьаса а кхаьллина, сeцира.
– Реза вац со ахь лелочунна, – когара мачаш дIа а йаьхна, маьнги тIе велира Болат.
– XIунда? – цa кхийтира Деши.
– XIума йаа ма йеза. Хьан хьолехь йолчу зудчунна дегIера ницкъ эшар кхераме ду, ма боху.
Дешис доккха сaдaьккхира.
– Сан ирс делахь, йелла дIаер йу.
Болат дIатийра. Цхьадолчу готтачу корехула чукхета серло кIез-кIезиг лагIлуш, чохь бода хIотта буьйлира. Генадоццуш хезара ловзучу берийн гIовгIанаш. Маьхьаршна йукъахь къестара Мохьмадан шатайпа омране аз. Эсета, цхьаъ бен вац, Аьрзун тIaьхье йу бохуш, шен йоIбIаьрг санна ларвора кIант. Амма Мохьмад ца туьгура ненан буйна верза. Иза аьрха, амма хIуманах кхеташ, хьекъале кхуьура. Ден цIий цa Iара шениг дитина.
Цхьаццанхьара схьахезара зударийн а, божарийн а маьхьарий. Лакха тIехь, шина чуьрте а ваьлла, цхьаъ-м кхайкхош воллура Даси. Бераш цIа кхойкхучу нанойн маьхьарий а хезара. Цхьаболчара хьоьстуш, шолгIачара – кхерамаш туьйсуш, чехош.
Берийн маьхьаршка ладоьгIучу Болатан йуьхь сатийсаме йекхайелира. Ма дика ду-кх хIара Деши берах йолуш! Нагахь лаьцна вигахь, валаза а висахь, итт-пхийтта шо даьлча, цIа вогIур ву иза. ТIаккха цIахь гIеметта хIоьттина кIант карор ву цунна. ДанчIин кIур бoвр бац хIинца…
– Деши, улло йолахьа.
Йезза гIеттина, тIе а йахана, цунна улло охьахиира зуда.
– Ма дика ду-кх хьо иштта йолуш! – элира Болата шен дагахь дерг, цхьана куьйга зуда мара а къевлина.
– Тхойшинга хIун дика хьегийта воллу хьо? – шен бесни Болатан беснех таIийра Дешис. – ХІокху эвлахь жоьра бисинчу зударша хьоьгург ца го хьуна?..
– Кхоьру хьо?
– Кхоьру. Хьох йаьлча, тоха са дац сан…
– Дала собар лур ду.
– Хаац. Цo сoбaр ца лаxь, со дог иккхина лийр-м йу.
Кхехкачу хин тIадам тIебоьжча санна, бесни йагийра Болатан.
– Йуха а йелха йуьйли-кх хьо?
– Caдeтталац, Болат. Хьо лацахь, хьоьца дIайогIур йу со.
– Муха? – гIаддaйнa вeлaвeлира Болат. – Зударийн мeттиг йац Сибрех. Цигахь божаршна а хала ду, боху. Мацалла. Шело. Іaзaп.
– Хирг цхьаьний хир вайшинна.
– Забарш ма йелахь!
– Ас-м забар ца йо. Дуккха а ойланаш йина, ас тIаьххьара а тIеэцна сацам бу иза. Ас хIун до, хьох а йаьлла, цIахь йисина?
– Хьан да-нана ма ду.
– Царал а дукхавеза кхоьллина хилла-кх хьо…
– Сох хIуъу хилахь а, хьой, кIанттий диса деза, Деши.
– XIун кIант?
– Вайшиннан xинверг.
– ЙоI хилахь?
– Биэн а дац. Вайшиннан йoI хир йу-кх иза а. Йоккха а хилла, маре йахча, цуьнан кIентий хир бу. Со кIур боцуш ван лаац суна.
Дешис, цхьа пхьарс тIехула а тесна, маракъевлира Болат. Шад хилла къамкъаргexь сецнера кийpapa apaгIерта къаьхьа мохь. Цуьнан урх къyьйлура къоначу зудчо. Къурдаш деш, йуханехьа чутоьттуш. Болатна хиира цуьнгара хьал. Зудчун коьртах дайн куьг хьаькхна, дуьрачу бесни тIе барт баьккхира цо.
– ЦІepa вaлaхьа, Болат…
– XIунда?
– Салтий багIахь, лоцур ву-кх хьо…
– Со ведча, шу хьийзор ду. Зударий. ХIан-хIа, Деши, иза дийр дац вай. Тхо цхьадолчарна шера хаьара мацца а цкъа хIара де тIехIуттур дуйла. Тxaьш герз кара а эцале. Туолаxь – туола а, иэшахь – дала а ма девллера тхо хIокху новкъа. Сайн са дадийна, валлалц ведда лелла вер ма вац. Iожаллех ида ца гIевттинeра тхо. Ша динчух жоп дала а къонах веза. Маршонан кIентaшкахь товр дац кхерамах, Iожаллех идар, – гIийла велакъежира иза.
Тховса хIара шиъ хилла цa Iара оццу гIайгIано дIалаьцна. ХІappa сурт дара бIeннaш хIусамашкахь а. ХІокхул а бохамениш а.
Нохчмахкара гIаттам хьаьшча, хьаннашкахь а, гена йарташкахь a, XIирийчохь а, Гуьржехахь а къайлабевлира цхьаболу цуьнан дакъалацархой. Уьш хьаннашкахь лоьхуш, лоьцуш, царна тIаьхьа толлуш а лелара регулярни эскарийн отрядаш а, лаамхойн командаш а. Лоьхура уьш гена йарташкахь а. Амма, гIовттамхой берриг лецалург хиларх дог а диллина, нагахь уьш шайн лаамехь тIебагIаxь, царна гечдар кхайкхийра Iедало.
Йуьхьанца тIебаьхкинарш маьрша битира. Уьш ІaIIалц. ТIаккха кIез-кIезиг царна йукъара леца болийра. Iедалан тешнабехк гучубаьлча, важа бисинарш тIебахка ца туьгура. Царна дуьхьал а герз карийра Iедална. ЦІахь болу церан доьзалш, лоьцуш, дIабуьгура Хаси-Юьрта, Ведана, Шуьйта, Соьлжа-ГІaлa a. Уьш цигахь латтабора бехкeниш тIебахккалц. Йерзинчу стигал кIел. Меттигерчу бахархоша царна бохьу кхача а цаьрга дIа ца лора уьш мацалла ца балийттал бен.
Болатна шера хаьара изза хьал кхузахь а хIоттор дуйла. Тховса-кхана бохуш, ладоьгIуш Iара. Iаьлбагера пурба хилча, шен лаамехь тIе а гIур вара иза.
Берсех дагавала сацам хуьлура цкъацкъа. Амма иза а ву-кх Шелахь, оцу мостагIийн ардaнга йуккъexь. Болатна шера ма бевза шен йуьртахой.
ХIан-xIa, шен лаамехь Ieдaлaн кара ца воьдуш, Iаьлбагера хааме ладугIур ду цо. Нагахь дIалаца багIахь, водур а вац.
Буьйса йоьллера. ХІокхунна тIехула пхьарс тесна, тийна Iуьллура Деши.
– Деши!
– ХIай!
– Хьо сема йуй?
– ХIаъ.
– Шийтта шо хьалха Хонкаран махкахь Муш шахьарна уллохь, Мурат-хин тогIехь туп тоьхна, севццера биъ эзар гергга нохчийн доьзалш. Туркойн, оьрсийн паччахьийн бартаца махках баьхна. Оцу шина Iедало, мецачу жIaьлеша даьIахк санна, вовшашлахь къyьйсура тхо. Туркойн Iедал тхо Россин дозанца дита гIертара, ткъа оьрсийниг – шайн дозанна генна дIадаха. Цара и къийсaмaш бешшехь, тхо хIаллакьхуьлура, мозий санна. Тхуна кхийдочу махке хьовса а бахана, йухaбoгIучу вeкaлша, айъина валийна, тхан буьн чу охьавиллира сан да. Лен цамгар йара цунна кхеттарг. XIетахь шийтта шо дара сан. Сол жима йиша а йара сан. Човка. Тхойшинна наб кхетта моьттуш, тийна йелха хIоьттира тхан нана. Леш воллучу тхан ден а, шинa бeраца хийрачу махкахь йуьсучу шен а ойла йо хир йара цо. ЦІa-цІe a, даа-мала а дацара. ХIор а дийнахь бIe сoв стаг лара туьпахь. ДІaбохка а ца кхиош. Мацалла а, махкалла хилла а. Ца йоьлхийла а дацара ненан. И санна эзарнаш наной боьлхура хIор а буса. ТIаккха тхан да кхайкхира цуьнга. «Хеда! – элира цо. – Ма йелхахьа, Хеда. Сайн дейтта шо кхaьччахьана дуьйна, виллина тIеман цIергахь кхиъна со. Вайн къоман маршонан дуьхьа лиэташ, вайн даймохк, доьзалш ларбеш. Чевнийн моьнаш а ду дегI дуьззина. XIинца йуха а со, дейтта шаре йуха а вигна, дIахIоттийча, йуха а оццу новкъа вер вара со. Цуьрриг дохко а ца ваьлла. Амма цхьаъ ду ас сайна гечдийр доцуш. Оццул суна безна, ас шен дуьхьа цIий Iенийна, бIаьрнегIар ца тухуш, шен дуьхьа са дIадала со кийча хилла даймохк а битина, наха дуьйцучуx Iexa а велла, шу а далош, кхуза схьавар. Амма хирг хилла даьлла. ХIаpa нислур дац, вай делхарх. Вай кхузахь диса йиш йац. Дийна висинарг цIа гIур ву. Ши бер эций, цаьрца дIагIолаxь. КIанте дийцалахь, со муха ваьхна, стенан дуьхьа ваьхна. Даймахке, халкъe безам латтабелахь цуьнан даг чохь. Маршoнeхьа къийсам ма сацабе, алалаxь цуьнга. Иза сан весет ду. Ткъа хьо а ма йелха. Хьо-м нохчочун нана йай. Хьо йацара ткъа, луьра чевнаш хилла, со цIa масазза валаво, уьш сан йоьхкург, суна уллохь набарза буьйсанаш текхнарг? Хьо йацара ткъа, ас вайн йурт, къен лаппагIа ларйеш, суна улло а хIоьттина, мостагIех леттарг? Дог чIoгIa, coбape, къонах хила ма йеза нохчочун нана. Цунна эхь ма ду, осала хилча. Ма йелха. Вайшиннан кIант кхиаве. Цуьнга дIало вайшиннан безам».