bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

Доцца аьлча, нохчий ца теша вайн Ieдaлeра шайна диканиг хир ду бохучух. Церан аьттонна правительствос долийначу муьлххачу а гIуллакхах нийсса бIocтaнeхьа кхета уьш. ТІом чекхболуш вайн правительствон цIарах шайна йелла бакъонаш, кIез-кIезиг йохуш, лаxxьийна шайгара дIайахарна кхоьру. И дерриг бахьанаш кхаа дашца алалур ду: нохчийн сихалла а, сонталла а, кхетамзалла а.

TIаккха ас хаьттира инарле, нохчийн хIокху гIаттаман а, туркошца болчу тIеман а вовшашца зIe йуй-те аьлла.

– Нахана моьттучу агIор-м йац, – жоп делира инарлас. – ХІaра гIаттам а, туркошца вайн тIом а цхьаьна нисбаларна, нахана моьтту нохчий туркойн барта гIевттина. Изa aьттехьа а дац. Балканехь вайн а, туркойн а йукъаметтигаш галйийла йоьлчхьана, лурчах дуьйна Кавказски эскарийн командованис дукхе-дукха леррина тергам латтабо, хIокху лаьмнашка туркойн эмиссараш богIий хьоьжуш. Командованина ца хаавелла кхуза веана туркойн агент. Амма кхин цхьаъ ду. Туркоша кхузарчу ламанхошца шайн зIe Макка оьхучу нахаца лелош хилар гучудаьлла дукха хан йоццуш.

ДегIастанарчу цхьацца наха и зӀе латтайо Турцexь вехачу Шемалан кIантехула – ГIеза-Махьмехула. Мелла а цаьргахула дIа цхьацца йазораш хилла Шемалан наиб лаьттинчу Дуев Iуммин а. Амма нохчийн хIокху гIаттаман тхьамданийн туркошца цхьа а тайпа зIe цахилар гойту и гIаттам ша-шаха болабаларо а, Константинополе лерг диллина Iен Iаьлбаган ДегIастанара бартахой цунах дIацакхетаро а. Iумма дегIаcтанхошца барт болуш хилар а, xIoкху гIаттаман тхьамданашца цуьнан цхьа а тайпа йукъаметтиг цахилар а гойту иза тIаьххьалц тийна Iаро.

ТIe, xIoкху нохчийн ойланаш шайца цхьана динарчу туркошца йу бохург а хета суна цхьа а тайпа бух боцуш. Шаьш вайца латточу къийсaмeхь даим а шайна аpахьара гIо леxна ламанхоша. Шаьш оцу хьелашка хIиттича, хьалхара орца туркошка олура цара, уьш шайца цхьана динeхь хилaрaл сов, дозанал арахьарчех уьш уггар гергахьара лулахой а хиларна. Цул сов, даим вайца мостагIалла долчу туркоша, вайний, ламанхошний йукъерчу девнех пайдаэца Iалашо йолуш, шаьш и дов кIамдеш, марсадохуш, тIаккха шайга орца олуьйтуш меттигаш a хилла. Амма ламанхойн цкъа а ойла хилла йац туркойн Iедална кIелбаха. И хуучу туркоша хабарел а, питанел а тIехбевлла цкъа а гIо ца дина царна. Доцца аьлча, ма-дийццара, хIара ламанхой кIорггера бусалбанаш а хилча, туркошкахьа шайн безам а хилча, оьрсашкахьа цабезам а хилча, вайн эскаршка а хIиттина, хIорш туркойх лата тIаме гIур бацара. Ткъа, шуна ма-хаъара, туркошца xуьлчу вайн массо а тIеман кампанехь жигара дакъалоцу ламанхоша. Тахана а туркойх майра а, доггах а лиэташ нохчийн цхьаъ а, дегIастанхойн шиъ а полкаш а, дисинчу ламанхойн къаьмнийн бIaьхаллин дакъош а ду. Оцу масалша гойту, хIорш вайн Iедална мел шаьш реза бацахь а, Россина муьтIахь хилар…

Ас тIаьххьара а хаттар дира инарле:

– Хьан локхалла, ахь дуьйцург а, тахана кхузара вайн гIуллакхаш а цхьаьна ца догIуш хета суна. Доцца аьлча, ахь дийцарехь, нохчийн гIаттамаш вайн администрацин политикин а, гIалатийн а жамI хуьлу. Хьан къамеле ладоьгIча, хаало нохчех мелла а хьан доглозуш хилар. ХIетте а, суна хаарeхь, хьалхалерчу тIeман а, граждански а администрацин гIалаташ а нисдина, Нохчийчохь машар а, синтем а хIотторна керлачара а ца дина хIумма а. Мелхо а, тахана оцу гIалаташна йа, нийсса аьлча, оцу харцонашна дуьхьалойийраш къинхетамза хьоьшу…

Сан хаттар ца тайначу инарлин хьаьжа йуккъе шад xIоьттира. Схьахетарехь, ишттачу хаттарна хьалххе дуьйна кийчча хиллачу цо сихха жоп делира.

– Цкъа-делахь, господин Абросимов, хьалхалера гIалаташ нисдан йеxxa зaмa оьшу. ШолгIа-делахь, уьш нисдар а, кхузахь машаррий, синтеммий хIоттор а сан лаамехь гIуллакхаш дац. ТІaьххьара а, сан гуманни ойланал лакхахь лаьтта пачхьалкхан хьашт-дезарш а, Iалашонаш а. Пачхьалкхан чоьхьарчу хьелаша а, арахьарчу йукъаметтигаша а, къаьсттина а шена тIехьа вайн нуьцкъала мостагIий лаьттачу туркошца болчу хIокху тIамо а со тIeтоьтту, къинхетам боxург диц а дина, даге лa a цa доьгIуш, нохчийн гIаттамца дерг сихха а, гуттаренна а чекхдаккхарна.

Инарлин шийлачу бIaьргашка хьаьжча, кхидIа хеттарш эрна хиларх кхийтира со…

* * *

Ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкийн эпсарш а хетало суна. Царах дукхахболчарна биэн а ма ца хета Россин а, цунна чуьрчу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулш, хьал а лаха ма богIу вайн махка. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медеми, Кек, Рик, Пьери а, кхиболу а кхечу мехкийн авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица xьийшира шайна тIехь олалла латточу луларчу феодалашна дуьхьал болу нохчийн гIовттамаш. ХIаъа ткъа, и шайн къизалла вайн правительствон цIарах ма лелайора оцу эпсарша. Нийсса аьлча, церан къизачу гIуллакхашка бIaьргаш хьаббой хьоьжура правительство а. Церан болх хета суна Шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахьехь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш а, инарлаш а йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттaннaш шерашкахь оццул цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира вайн мундираша. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан дезаш хийтира! Цкъа цхьанаметта къиза тохар дина нохчий къарбарца, кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха деза аьлла хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIел совца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инaрлaший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Шина къомана йукъахь машар кхайкхоран меттана, оцу шинна йукъа питанаш туьйсуш, йуккъexь мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гора оцу гIалатечу, къизачу политикин хинйолу тIаьхье. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца, поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарла Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара! Цхьамзанаш йуьстах а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелаш тидaмeхь а латтош, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта вай, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш йохкуш, xIокхарна йукъа лаккхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма вайн правительствос ла ца дуьйгӀира цаьрга. Мелхо а, тIеттIа алсамйохура къизаллаш.

Иттаннаш шерашкахь тIом биначул тIаьхьа, 1859-чу шараxь, шайца машаре бартбар дийхира нохчаша. И барт цаьрца бира фельдмаршало Барятинскийс. Амма, кхузахь шен ког хIоьттича, масех шо хьалха цаьрца бина и машаран барт а бохийра вайн правительствос.

Вайн зорбaнeхь а, килсашкахь а кхайкхадо, нохчий оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш. Амма иза бакъ дац. ХІокху гIаттаман тхьамданаш хIумма а сонта бац. Царна дика хаьа зуламан а, шайн къомерчу къоьллин а, бохамийн а хьоста мичахь ду. Царна хаьа и зулам, бохамаш правительствос кхуллийла. Цунна дуьхьал айъина цара шайн герз. Цунах дика кхета правительствос йузийна нохчийн къоман лакхенаш а. Хаьа, гIаттам толахь, уггар хьалха шайн баккъаш кеглур дуйла. Цундела цара шайн ницкъ ма-кхоччу правительствона гIо до хIара гIаттам хьаша.

Сийсара, са а гатделла, жимма хан йайъа Евгений Иванович волчу вахара со. Сан цецваларан доза дацара хIинца цуьнан хIусамехь къена, цамгаре нохчо карийча.

– Вовзал вовшийн, – дуьхь-дуьхьал хIоттийра тхойша хIусамдас. – Сан университетски доттагI Яков Степанович. Ткъа хIара, Яков Степанович, сан нохчийн доттагIех уггар гергарниг – Берса Рохьмадович. Оьрсийн эскарехь гIуллакхдарца капитанан чин делла хIокхунна, шен халкъан маршонехьа къийсарна – итт шо каторга а, цу тIе, чахотка а.

Нохчочун професси а, могашалла а цхьаммо а йийца а ца оьшура. Цуьнан мокха йуьхь хебарша аьхнера, сирбелла корта тиллера кIеззиг чоьш бен ца дуьсуш. ДIа мел доIучу сица хьаз-хьиз хезара. ХIетте а, дегIе бIаьрг тоьхча, багах долучу даше ладоьгIча, шера хаалора иза кадрови эпсар хилар.

Евгений Ивановича стоьла тIе къаьркъанан шиша а, бепиг а, Iежаш а, самовар а хIоттийра. Берсас ца молийла хуучу хIусамдас цунна чай, тхойшинна къаьркъа доьттира.

– Вай цхьаьнакхетарна, сан хьомсарчу доттагIчун Берса Рохьмадовичан могашаллина тIера!

Хабарна тIерачу Евгений Ивановича суна дийцира хIокху Берсас Петербургехь кадетский корпусехь дешар а, венгрийн революци хьошуш дакъалацар а, оьрсийн революционер Алексей Гусев цуьнан герггара доттагI хилла хилар а, нохчийн маршонехьарчу къийсамехь тахана хIокхуьнан меттигах лаьцна а.

Цхьацца дуьйцуш, тахана банкетехь Свистуновс дийцинарг йукъаделира тхан. Нохчийн туркошца барт бу бохург хьахаделча, хаъал оьгIазвахара Берса.

– Нохчийн ойла туркошкахьа йу хIунда моьтту массарна а? – хаьттира цо. ТIаккха, тхойша вист ца хилча, шен хаттарна ша жоп делира. – Цаьрца цхьана а тайпа йукъара хIумма а дац тхан халкъан. Деккъа цхьа дин доцург. Тхан лулахой а уьш бац, цхьана цIийх а тхо дац, мотт а вовшашна аьттехьа а бац. Тхан дайша Шайх Мансуран заманахь гIо дехна туркошка-м хьовха, англичанашка а. Амма цара а йа вукхара а цкъа а цхьа топ йуза молха делла а, йа политикехула а, йа дипломатица а тхан халкъана дина гIо дац. Амма, цара гIо динехьара а, и гIо тхан халкъо схьаэцнехьара а, эхье хIумма а хир дацара-м, моьтту суна. ХIор а пачхьалкхо, хIор а къомо, шена тIе хала киртиг хIоьттича, уггар хьалха шен аьтто лоьху. Масала, полякийн шляхтин Iазапна дуьхьал шайн къоман маршонехьа къийсамехь туркойн султане а, Крыман хане а гIо дийхира малороссаша. Амма царна дагахь а дацара йа султанан а, йа ханан а Iедална кIелбаха.

Евгений Ивановича кхин а цхьацца кад боьттира тхойшинна.

– Вай-м ца бо нохчий бехке, – элира Евгений Ивановича. – Ахь нийса боху, Берса. Хала киртиг-м хьехор а йацара вай, паччахьаша-м, шайна кхин халкъ дIакхалла лиъча а, союзник лоху. Селхана мостагI хилла ши пачхьалкх, оцушиннах цхьаннан кхоалгIачуьнца дов доладелча, нагахь шайн Iалашонаш цхьаьнайагIахь, вовшашца барт а бой, кхозлагIчух лета. Наполеон Россина чувеача, вешан селханлерчу мостагIашца – австрийцашца, пруссакашца, англичанашца, туркошца – барт бира вай.

 

– Гена гIиртина хIун до вай, – тIетайра со а, – тахана Балканехь хIоьттина сурт гуш хилча? Вайца цхьана динехь болчу цигарчу славянаша, шаьш туркойн олаллина дуьхьал масазза гIовтту, Россига гIо доьху. Иза нийса а, бакъонца а лору вай, ткъа шайн маршонехьа гIевттинчу ламанхоша шайца цхьана динерчу туркошка гIо дехча, маьхьарий бовлу.

– Кхузахь хьо гал ву, Яков Степанович, – элира Берсас, ойла а йина. – Оьрсийн а, туркойн а шина правительствон политикийн Iалашонаш цхьаъ йелахь а – мехкаш дIалеций, кхин къаьмнаш лолле дерзой, амма жамIаш башх-башха нисло. Оцу шиний правительствона гIенах а дага ца догIу вовшаша Iазапехь дахко къаьмнаш маьршадаха. Амма оьрсийн правительствон Iалашонаш цхьаьнайогIу Балканерчу халкъийн лаамца. Россиний, Турциний йуккъехь тIом масазза хуьлу, Балканера халкъ маьршадолу туркойн Iазапна кIелхьара. Маьршадаьлла ца Iаш, хIораннах а йозуш йоцу пачхьалкх а кхоллало. Со тешна ву, хIара тIом а болгарашна маршо луш чекхбериг хиларх. ТIе, оьрсийн халкъан дог лозу шайца цхьана динехь, цхьана цIийх болчу цигарчу славянех. Церан маршонан дуьхьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шайн синош дIало оьрсийн салташа. Ткъа тхан, шайн «бусалба вежарийн» дуьхьа тIом бо бохучу туркойн правительствон а, йа туркойн халкъан а, йанне а йац и догцIена ойла. Нагахь, цхьа аьтто а баьлла, оьрсашна тIехь туркошка толам баккхалахь, хIара лаьмнаш церан карадахча, цара ламанхошна маршо, серло лур йара бохучух ца теша со. Паччахьан дукъ дIа а кхоьссина, ламанхойн коча шениг дуллур дара султано.

– Ахь ма-дийццара хилча, ламанхой Турце хIунда уьду? – хаьттира Евгений Ивановича.

– Оьрсийн правительствон харцонах а, къизаллех а, шайн къоьллех а бевдда. ТIе, Евгений Иванович, цхьа ламанхой хилла ца Iа Россера дIауьдуш. Маса эзарнаш оьрсий, малороссаш, белорусаш бахана Америке? Шайн даймок, шайн халкъаш ца дезаш ца уьду уьш цига, ткъа, хIара ламанхой санна, кхузарчу къизаллех, харцонех, къоьллех уьду. Нагахь шийтта шо хьалха нохчий Турце кхалхар царна туркой а, церан паччахь а везаш хилла моттахь, иза бакъ дац. Шайн гIаттам хьаьшча, кхелхина бахана дуккха а донски гIалгIазкхий тахана а бу Турцехь. Туркошца тIом хилча, оьрсийн эскаршна дуьхьал а лета уьш. Цигахь тахана а бу, европейски революци хьаьшча, бевдда бахана французийн, немцойн, полякийн, австрийн, венгрийн а бIеннаш революционераш. Тахана оьрсийн революционераш а бу, паччахьан Iедало Россера арабаьхна, малхбузе мехкашкахь баьржина. Кхолламо баьхна уьш шайн махках а, халкъах а. Тхешан маршо, даймохк ларбеш, тхешан ницкъ эшна, кIелдиссалц летта тхо оьрсийн паччахьна дуьхьал. Амма тхан жима халкъ эшийра дуьненахь нуьцкъалчарна йуккъехь а нуьцкъалчу оьрсийн империс. Тхан бертаза кочадеана паччахьан олалла. Тхуна мел ца лаахь а, ца дезахь а, Россица, оьрсийн халкъаца бу тхан исторически кхоллам. Тхаьш санна, Iазапехь доллуш оьрсийн халкъ хиларна, цуьнан гIоьнца мацца а цкъа тхайна маршо а, ирс а хиларх дог а доху.

ТIаккха тхан къамел туркошца тIаме йаханчу нохчийн полкана тIеделира.

Берсас гIайгIане корта хьовзийра.

– Даим туркоша, персаша хьийзош бIарзбинчу гуьржаша, шаьш Турцина, Иранна йа Россина цхьанна кога кIел дахаза ца довлийла хиъча, оцу кхааннах цхьаъ къасто дезаш, кхо некъ хIоьттича, шайца цхьана динехь йолу Росси къастийра. Дера, тхан а ма бу тхаьшца цхьана динехь болчу туркошка озабезам. ХIетте а, тхан дай цкъа а ца хIиттина туркойн, персийн, кхечу бусалба паччахьийн байракхаш кIел. Уьш, тхаьш санна, бусалбанаш хиллехь а. ХIара таханлера туркошца болу тIом – дуьненан нуьцкъалчу паччахьийн а, пачхьалкхийн а политикин, девнийн а тIаьхьало йу. Ишттачу тIамехь дакъалацар шатайпа гIо ду мехкаш дIалецархошний, халкъашкахь Iазапдаллорхошний.

Сан а, Евгений Ивановичан а шозлагIа кедаш хьадаза лаьттара.

– Амма нохчийн полк доггах а, майра а лета туркойх, – элира Евгений Ивановича. – Суна хетарехь, оцу полкера цхьа а нохчо нуьцкъах ца вигна цига.

Берсас йуха а гIайгIане корта хьовзийра.

– Бакълоь хьо, Евгений Иванович, – элира цо. – Уьш цхьаммо а нуьцкъах ца бигна цига. Амма ахь цхьа хIума дицдо. Туркошца тIаме йаханчу нохчийн полкера нах цхьаъ цахилар. Вайна ма-хаъара, кхузаманан муьлхха а къам социальни масех классах лаьтта. Олалла дийраш – дворянаш, буржуази; олаллина кIел бохкурш – белхалой, ахархой, доцца аьлча, къинхьегаман халкъ. И ший а класс – цкъа а вовшашца машар хир боцуш ши мостагI ву массо а махкахь. Муьлххачу а къоман олаллин классана шен къоман къинхьегаман халкъал гергара хета кхечу къомах, кхечу динехь долу шайца цхьана классан адамаш. Цундела масех динехь дуккха а къаьмнаш цивилизацин пачхьалкхехь, шина классана йуккъехь дов даьлча, олаллахой а, къинхьегамхой а шайш-шайн классашкахь цхьаьнакхета. Къам а, дин а ца хьехош. Цунна цхьа-шиъ классически масал далор вай. Вайна ма-хаъара, масех бIешо ду Балканера славянаш туркойн Iазапна кIел бохку. Амма, и халкъаш туркойн олаллина дуьхьал гIевттича, меттигера хьоладай даим туркошкахьа бовлу. Йа, нийса аьлча, туркойн Iедалехьа. Цул сов, Боснерий, Герцоговинерий славянийн цхьаболчу дворянаша, шайн къоман керста дин дIа а тесна, бусалба дин имперехь олаллин дин а, олалла дечу къоман дин а хиларна. Iазапехь далло къаьмнаш классаллин къийсамехь шайн йукъарчу мостагIчунна дуьхьал цхьаьнакхетаран классически масал ду Пугачев коьртехь волуш Россехь тIаьххьара хилла ахархойн тIом. Оьрсийн муьжгашца, гIалгIазкхашца цхьаьна бара гIезалой, башкираш, удмурташ, чувашаш, мордваш, марийцаш, гIалмакхой. БархI къомах а, масех динехь а долу адамаш. Ткъа 1848–1849-чуй шерашкахь Европехь хиллачу революцин дакъалацархой? Масала, Венехь баррикадашкахь цхьаьна бара австрийцаш, чехаш, словакаш, мадъяраш, полякаш, кхин а. Баррикадийн вукху агIор – оццу къаьмнийн олаллин классаш. ХIара оьрсийн-туркойн тIом а ца болабеллехьара, цунах пайда а эцна, Iедалой, килсой кху махкарчу оьрсашна йукъахь харц эладита а ца даржийнехьара, тахана дуккха а муьжгий гIевттинчу нохчашца хирг хиларан шеко йацара. Цунна тоьшалла ду, нохчийн гIаттам болабелча, салтий Нохчамахка бовда гIортар а, царах аьтто баьлла цхьаъ Iаьлбаган уггар гергара накъост хилар а.

Берсас, кисанара даьккхина йовлакх бете а лаьцна, дIа а вирзина, йовхарш туьйхира.

– Гой хьуна, Евгений Иванович, – долийра цо, ша меттавеача, – туркошца тIаме бахана нохчий а бац цхьаъ. Цхьаберш правительствос эцна, шозлагIниш – йал а йелла, лата бигна. И хьалхарниш – ЧермоевгIар, МамаевгIар, ШамурзаевгIар, кхин а, кхин а бу. Уьш баккъал а императоран дуьхьа бахана цига, царна дика ма ву иза. Нагахь тахана кхузахь, оьрсий а боцуш, туркой, англичанаш, французаш йа муьлхха а кхин нуьцкъалниг хиллехь, церан императорш а, церан «даймохк» а ларбан а гIур бара уьш. Ишттачу нехан даймохк а, халкъ а ма дац. И ший а дешех духку цара, ойла ца йеш. Шайна ахча делчахьана, иблисна гIуллакх дан а кийча бу уьш.

– Доцца аьлча, халкъашна йуккъе зайлаш тоьхна-кх Iедало. ХIан, Яков Степанович, дIамалий вайша? – кад схьаийцира Евгений Ивановича. – Шун могашаллина тIера, господа!

Берсас чайнах къурд бира.

– Довханиг доттий хьуна?

– Баркалла. Бакъду иза, Евгений Иванович. Амма тхан халкъан ойла даим а гуманни йу. Цуьнан, мостагIалла-м хьовха, цабезам а бац цхьана а къоме. Чермоев а, цуьнан компани а оьрсийн императоран дуьхьа, йа шайн йукъараллин дарж, йа шайн хьелаш лардаран дуьхьа бахна тIаме. Ткъа оцу полкера могIара нохчий Iехийна бигна.

– Ткъа кхузара оьрсийн бахархой, шун гIаттаман кхиам хилахь, шаьш кхузара дIалахкарна ма кхоьру.

– Иза аьттехьа а дац.

– Ахь-м иштта дуьйцу, ткъа гIаттаман тхьамданашна дагахь кхин хила там бу. Уьш, хьо санна, кхетамна лакхахь ма бац.

– Церан дагара хууш ма дуьйцу ас. Уьш оьрсашна дуьхьал ца гIевттина. ХIара Iедал дезаш Iа оьрсийн халкъ? Шуьшиъ ву ткъа цунна реза? ХIун ду гIовттамхоша доьхург? Кху махкахь дехачу дисинчу къаьмнашца шаьш бакъонашций, латтаций нисдар.

– ХIаъ-хIаъ! ХIинца ас бохучу тIевеа хьо!

– Муха?

– Кхузара оьрсийн бахархой шун махка тIехь беха. Цаьрца шун гамо йац бохучух теша хала ду, Берса Рохьмадович.

Берсин йуьхь кхоьлира.

– Оцу дерригенах а кхетархьама, тхан къоман амалш йовза йеза, Евгений Иванович, – элира цо. – Арахьарчу стагаца а, кхечу къомаца а гIиллакх а, йахь а лелор цIийх доьлла тхан. Цунна тоьшалла ду тхан къоман йерриг истори. Нохчаша туш лора шайн феодалех бевдда кхуза баьхкинчу муьлххачу а къоман нахана. Бусалба а, керста а ца хоьржуш. Ткъа тIом болуш бевдда тхуна йукъа бIеннаш салтий баьхкиний а, уьш инарлашка дIа ца бала, нохчаша шайн йарташ йагайойтуш хиллий а хаьа шуна. И цхьаъ ду. Iедалой, иза дIакхоьхьучу цхьацца нахий кхуллу халкъашна йукъахь мостагIалла. Амма халкъаш Iехор гена доьдуш гIуллакх дац. Тахана ца кхетахь а, кхана-лама халкъаш кхета. Нохчашна-м дукха хенахь дуьйна хаьара шайн бохамашна, къоьллина, Iазапна бехке оьрсийн халкъ доцийла, ткъа и ша а Iазапехь даллош оьрсийн паччахьан Iедал дуйла. ТIе, нохчий хьега дIора дика хьал а ма дац оьрсийн халкъехь а. Ас дийца ца оьшу иза. Iедало дийнатийн хьелашкахь ма латтабо муьжгий. ХIара Iедал тIедаллац, цхьа доьзал санна, бертахь ма баьхна нохчий а, гIалгIазкхий а. Iедало битахьара, хIинца а иштта Iийр бара, жимма а адамалла долуш хIара Iедал делахьара.

Берсас, бете йовлакх лаьцна, кIажвахана йекъа йовхарш туьйхира.

– Бехк ма биллалаш, – элира цо, халла дIа а тийна. – Ткъа шайн долахь бIе, пхи бIе десятин латтанаш дIалецна эпсарш а, совдегарш а! Иштта кхин а лаьхьарчий мел дукха ду! Кхузахь Iедалан гIортораш хилла лаьтташ долу. Доцца аьлча, Iедална, цуьнан хьадалчашна дуьхьал гIевттина нохчий. Цундела гIовттамхоша бекхам оьцу, Iедалчех-м хьовха, ткъа иштта нохчийн йуьртдайх, динан дайх, совдегарех. Амма машаречу оьрсичун коьрта тIера чо а талхо ойла а йац. Суна хетарехь, нохчаша айъинарг массеран а йукъара гIуллакх ду. Амма Iедало цунах кхета битац кху махкара оьрсий.

* * *

ХIокху тIаьххьарчу бIешаро инзаре баккхий хийцамаш бина нохчийн къоман синкхетамехь. Вуочу агIор. Цунна дало масалш дуккха а дара, делахь а, хIокху таханенна тIедогIучу цхьанна тIехь соцур со.

Нохчийн йарташкахула лелаш, суна хааделира хIокху халкъан дуккха а барта иллеш хилар. Уьш дерриг а турпалаллин иллеш ду. Мацах цкъа шаьш монголийн-татарийн ханашца, Тимуран ордашца, Крыман ханашца, гонахарчу къаьмнийн феодалашца, оьрсийн паччахьашца латтийначу къийсамех, шайн халкъан баьччанех лаьцна дуьйцуш.

Амма хIокху тIаьххьарчу шерашкахь, оцу турпалчу иллийн меттана, кхин кхолладелла: гIиллакхех, Iожаллех, эхартах лаьцна сингаттаме, дуьненах догдиллина чулацаме иллеш.

Цецвала хIума дац иза?

ТIамо оьздангаллех, адамаллех а дохадо адамаш. Башхо йоцуш, шина а агIорниш. Бакъонца летарш а, тIамна бехкеберш а. ТIом дахарехьа къийсаман уггар лакхара, уггар къиза, адам адамаллех дохо тIегIа ма ду. ТIамехь харжац бакъ а, харц а герзаш. Цо толаме вуьгуш йа ларвеш хилчахьана, муьлхха а герз ойъу – харцо, къизалла, мекарло, йамартло, тешнабехк – дерриг а мега. Мел машар безарг а, мел къинхетамениг а, хIетталц атталла зингат хьаша къихкинарг а – адамаш дайъа волало. Тайп-тайпанчу бахьанашца, Iалашонца. Кхиберш лолле берзо, тало гIерташ – цхьаберш; шайн даймохк, доьзалш, шайн синош лардеш – шолгIаниш: шайна сий, хьал лоьхуш – кхозлагIниш а; ницкъо тIелоьхкуш – бисинарш а. Масане ду уьш?

Вайн муьжгий шайн лаамехь ца бовлу салт а, шайн лаамехь ца богIура нохчийн йарташ йаго а. Кара герз а лой, нуьцкъах схьачулоьхкура уьш. Ткъа вукху агIор, Шемала а, цуьнан динан дайша а ламанхочун коьрта чу дуттура, церан йарташ йагораш, керстанаш, бусалба динан мостагIий бу, уьш байъинарг а, царах летта велларг а гIазот хир ву бохуш. Оцу хьехамех цатешарг а, машаре Iан луург а гIаттавора вайн инарлийн къизалло. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа берхIитта шо даьлла. Цуьнан чевнаш йисина адамийн дегнаш чохь. ХIинца а шардалаза ду хIетахь байъинчийн кешнийн баьрзнаш. И мостагIалла дицдан гIерта шина а агIорниш, амма Iедало иза марсадоху шен харц эладитанашций, гIуллакхашций. Хилларг, дIадаьлларг дицдан а, шина халкъана йукъахь гергарло, доттагIалла кхолладала а, шайн массеран кхоллам цхьаъ буйла хаа а, шайн массеран йукъара мостагI паччахь а, цуьнан Iедал дуйла хаа а, цунна дуьхьал маршонехьа къийсамехь халкъаш цхьаьнакхетта гIовтта а хан ма йеза. Иза, вайна ма-моьтту, шарахь а, итт шарахь а хир ма дац. ТIе, хIокху Iедало аттачу балхах халкъаш дуьтур ма дац доттагIалла, гергарло таса а, цхьаьнакхета а, вайн социалистийн ницкъ а, идеяш а толлалц.

* * *

ХIокху нохчаша, нехан махка а бахана, цIий Iанийна, кхечу халкъан маршонна тIе куьг даьхьна меттиг хаац историна.

Уьш къар ца белира монголийн-татарийн ханийн а, Тимуран а ордашка. ХІокху арен тIера дIабаьхначу цара, лаьмнашка йуха а бевлла, хаддаза къийсам латтийра шайн маршонeхьа.

Ширачу Римера схьайогIуш, цкъа а ца хийцалуш цхьа принцип йу олалла дечу классийн: шайн олаллина кIелхьара кегийра къаьмнаш массо агIop a лахдар, царна йуккъехь мостагIалла латтор, церан вовшех тешам байъар, царах цхьаъ маршонeхьa гIеттича, кхечеран куьйгашца иза хьашар.

 

ТIаккха атта хуьлу уьш дацо, лоллехь латто.

Оцу принципна тешаме йу вайн правительство. Цул цхьа ког а тIаьхьа ца вуьсура Шемал а.

ХІокхеран дуьхьало кагйеш биначу бехачу тIамехь герзаца адамаш дойъура, дaгaрций, цIарций йарташ, йалташ, даьхний, бошмаш, хьаннаш хIаллакйора, ткъа ахчанца хIара къам шен оьздангаллех дохадора вайн командованис. Цуьнца нах оьцура, уьш шайн халкъана дуьхьалбохура, йарташна, тайпанашна йуккъe мостагIаллаш эгадора, уьш вовшех лоьтуьйтура. Оцу политикех лаьцна дика аьлла Н. А. Добролюбовс шен цхьана статьяца24.

1839-чу шарахь Ахульгохь воxийна, ДегIастанара эккхийна Шемал шайна тIелецира нохчаша. Йа, вуьшта аьлча, Ахульгохь дIавоьллина иза йухаденвира. Денвина а ца Iийра. Цунах дуьненахь а цIе йоккхуш стаг вира.

Малхбален ламанхошлахь массарел тIех шайн къоман, йукъараллин а, хIораннан шен маршо а, бозуш цахилар а лардинчу нохчаша ДегIастанахь деспотически Iедал латточу Шемале шайна тIехь иза дуккха кIаддайтира. Масала, Iедалан урхалла а, халкъан текхамаш а, далла гIуллакхдарца йолу чIагIаллаш а. Оцу халкъо цкъа а къoбaл ца йора мюридизман идеяш, ткъа и гIазотан кхайкхамаш дуьххьалдIа шайн къоман маршонехьа, вайх дозушдацар лaрдaрeхьа къийcамна адам гIатто идейни гIирс бара. Шемал цкъа а цa тeшaрa нохчех, ткъа нохчашна а йевзара цуьнан башха амал. Шемална хаьара и дерриг а, цундела иза кхоьрура царах. Ткъа нохчий боьлура цуьнан шайхаллех а, цуьнан фанатични кхайкхамех а, хьехамех а.

Шемална кхин а цхьаъ хаьара дика. ДегIаcтaнахь цуьнан шен гIoьнца паччахьан инaрлaшa воxийна, экханна санна, тIаьхьатоллуш эккхийнa шa вeдда кху Нохчийчу веача, хIокху нохчийн гIоьнца кху лаьмнийн буьрса да хилла ша дIахIоьттина хилар а, цара ша дIатесначу дийнахь шен седа чубузург хилар а, тIаккха маситта шарахь ша хала къахьоьгуш, дуккха а хенахь шен инзаре боккха ницкъ, хьекъал, майралла а дIалуш, хеназа къанлуш хIоттийна, шел тIaьхьа кIантана ГIеза-Махьмина йита сатуьйсу хIара имамат а хаьрцина тIекIелйериг хилар а…

Цундела, цкъа ша Нохчийчохь а, ДегIастанахь а ондда когаш тIехь ирахIотталц, имамо Нохчийчохь леррина ларйора нохчийн тIеман-демократин принципаш, муьлхха а церан лаам цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш кхочуш а бора. Амма оццу хенахь, Iаламат собаре, генна хьалха хьоьжуш, тIаьхьало йолуш, и халкъ гIиллакхех дохо, цуьнан политически цхьаалла а, барт а боxийна, цунах шен буйнахь бIaьрзе герз дан ойла йолуш схьалаьцна некъ а бара цуьнан. И Iалашо а, сатийсамаш а кхочушбан, уггap хьалха, хIокху халкъан корта баккха безара, хIокхуьнан барт а, цхьаалла а йохо а йезара, хIара чIоггIа шена тIедехка дезара. Цхьа масех шо даьлча, ша Нохчийчохь а, ДегIастанахь а ший а ког хIоьттина, чІaгIвелча, Iедал, кIезиг-кIезиг дерзош, шен карадерзо вуьйлира иза. Оцу шерашкахь тIaмeхь бойъуш, шеконе Iожаллех леш а, малхбузе ламанхошна йукъабохуьйтуш а дIабевлира нохчийн майра, хьекъале баьччанаш а, Iеламчаш а. ТІаккха xIeтталц нохчаша шаьш хоржуш хилла наибаш ша хIитто вуьйлира Шемал. Шена муьтIахь хинберш. Амма царах a цa тeшaрa. XIор а нохчийн наибна улло шен шишша эмиссар йа, нийсса аьлча, шпионаш хIиттабора. Иза а кIезиг хетта, масех шо хьалха ша ДегIастанара эккхийна шен махкахой кхуза а кхалхош, нохчийн йарташка охьаховшийра. Цунах а тоам ца бира. Нохчийн берриг бахархой итт-итт доьзалшка а бекъна, хIоранна коьрте шена тешаме нах хIиттийра. XIop а итт доьзал декхар бира вовшашна тIехь тергам латто а, вовшех Шемалан Iедална дуьхьал долу цхьа хIума далаxь, иза сиххa имаме дIахаийта а. Йа, вуьшта аьлча, вовшашна айкхбийла. Нагахь бехке верг цара лачкъавахь, итте доьзална луьра таІзар дора. Нохчийн хьуьжарш а ца тешийра церан молланех. Цигахь хьеха а ДегIастанара молланаш балийра.

Шемалан къизалла тIехйаьлча, цунна дуьхьалгIитта йуьйлира нохчийн йарташ, амма уьш къиза хьоьшура имамо.

ТIеман тIаьххьарчу итт шарахь Сциллиний, Харибдиний йуккъе нисбелира нохчий. Шемалан деспотизмна кIел совца а ца лууш, йа вайн герзана къарбала а ца лууш, цкъа – цхьанна, тIаккха – вукхунна дуьхьало йеш, оцу итт шарахь дукха хIаллакьхилира уьш.

Оцу бехачу тIамехь Шемала йа йохоза, йа кхалхоза цхьа а йурт ца йисина нохчийн.

Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа хаддаза кхузткъе пхийтта шарахь лаьттинчу тIамо шен хьекъалечу баьччанех а, майрачу тIемалойх а хадийра и халкъ. Вай ах мохк дIа а баьккхина, йуькъачу хьаннашкий, дерзинчу тIулган лаьмнашкий таІийра иза. Цул сов, вайн правительствос цхьана агIор ницкъ тIетеIош, тешнaбexкца, ткъа вукху агIор туркойн правительствос Iехош, ткъа эзар стаг Турце a кхалхийра. Ткъа даймахкахь бисинчара догдиллира шайн хьалхалерчу ницкъах а, бартах а, цхьааллех а.

И эрчaллaш лaйнaчу халкъан доккхачу декъан ойла тIаьхьа Далла тIейоьрзу. Дала ца лахь, шайна маршо йалa кхин ницкъ бац олий, совцу. Ткъа хьалхалерчу халкъ маршонeхьа къийсаме дуьгуш хиллачу майрачу, хьекъалечу, оьздачу баьччанийн мeттиг стешхачу хьолахоша дIалоцу. Уьш кIез-кIезиг оцу халкъан майралла, цуьнан хьекъал артдан, маршонeхьа безам байъа, хIокху нохчех Iaзaпний, харцонний муьтIахь лайш бан гIерта. И некъ нийса богIу вайн правительствон политикица. Цундела динан дайн ши аьтто хуьлу: шайн бодане халкъ дацо а, правительствона хьалха дикачу цІарла хила а.

Амма дукхахболчарна маршонах догдилла лаац. Уьш даим а тешна бу маршо къийсaмeхь бен йаккхалург цахилapx.

* * *

Нохчашкарчу лаьттан къоьллина тIера дIадолало уьш гIалгIазкхех бозуш хилар а, оцу тIехь кхоллало церан вовшашка цабезам а, мостагIалла а. ТIеман шерашкахь а, иза дIабаьллачул тIaьхьа a церан махка тIе ткъех станица а, оццул тIеман чIaгIoнаш а йexкина. Оцу къоман экономически а, социальни а хьелаш теллинчу вайн историкаша диначу хьесапашца, йеккъачу цхьана Соьлжан отделехь, цигара нохчийн йарташ дIа а йаьхна, гIалгIазкхийн станицашна делла кхо бIе эзар десятин сов латта, шийтта эзар десятин тIex пачхьалкхан дола даьккхина. Грозный-гIала а йу нохчийн махка тIехь йиллина. Цул сов, мeттигерчу нохчийн, оьрсийн эпсаршний, чиновникашний совгIатна декъна ткъe итт эзар десятин гергга. ТIe, Нохчийчуьра йерриг хьаннаш пачхьалкхан дола йаьхна, нохчочун бакъо йац цигара сара хадо а. Дукхахболу туземцаш гIалгIазкхийн станицашка йолах болх бан боьлху, ткъа йуханехьа дерг наггахь бен ца нисло.

ГIалгIазкхашна латта далар-м оццул новкъа а ца хета нохчашна. Царна халахетарг кхин ду: важа бисина мохк пачхьалкхан долабаккхар. Цул а тIех Iеткъа царна элашний, инарлашний, эпсаршний совгIатна латта далар. Масала, луларчу халкъийн элашна: Турловна, Алхазовна, Эльдаровна шингара хьала диъ эзар десятине кхаччалц делла. Нохчийн эпсаршна: ЧермоевгIарна, ШамурзаевгIарна, КурумовгIарна, кхин а иттaннaшна – шина бIeнера ворхI бIе десятине кхаччалц. Вукху кегийчу веччалгашна – совдeгaршна, динан дайшна, йуьртдайшна а – кхаьчна бIeнгара шина бIене кхаччалц десятинаш.

ТIе, оцу шина агIорхьарчарна йукъахь машар хIотторна новкъарло йo кху Теркан областeхь йуьхьанца тIеман-стратегически Iалашонца йехкинчу станицаша а. Нохчийн йартийн а, гIалгIазкхийн станицийн а мехкаш йуткъачу, йехачу асанашца чуччаихна, вовшийн йукъалоьцуш нисдина. Шайн кхаш тIе, лула-кула йуьрта йа станице боьлху уьш, вовшийн мехкашна тIехула бийла дезаш йа генахула гатесна баха дезаш хиларна, шунашний, некъашний, тIайшний тIехула хаддаза девнаш хуьлу церан.

ГIaлгIазкхашний, нохчашний йукъахь лаьттачу мостагIаллин бахьанаш берхIитта шо хьалха чекхбаьллачу дуккха а шерийн тIамах дохку бахахь а, цхьана агIор иза иштта делахь а, амма коьрта бахьанаш правительствон социально-экономически политико кхоьллина.

24Кхузахь Я. С. Абросимовс хьахийнарг Н. А. Добролюбовн «О значении наших последних подвигов на Кавказе» статья йу. Иза дуьххьара зорбатоьхнера «Современник» журнала тIехь (1859, № 11).
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru