bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

Болатан къамеле ла а доьгIуш, иза маракъyьйлура Дешис.

– Оцу буса кхелxира дада. Орца ала дIахьаьдира со. Аьрзу а, Маккхал а, Iела а волчу. Дада дIаволла кечвеш, со араваккха гIоьртира нана. Амма АьрзугIара чохь сацийра. «Iадвита, – элира. – Дерриг ган, дагахь латто». ТІаккха нана а, йиша а кхелхира. Хийрачу махкахь, горга буо хилла, цхьа висира со. IелагIара даймахка валийра… Дицлац суна и денош. И жоьжахати. Цкъа а дицлур дац. Къаьсттина сайн доттагI Соип вицлац. Мацалла леш йоллучу нанна кемсийн кан баккха цхьана хьалдолчу туркочун беша ваьлча, цигахь виэн а вийна, эвлал ара, бeрда кIел, варша кхоьссинера иза. Мацалло арaвaьккхина, хьаннашкахь кхерсташ, цуьнан докъана тIенисвeлира со. ЖІaьлеша къyьйсуш Iуьллучу… Ас а, со санначу эзaрнaшa a лaйнaчуьнга хьаьжча, хIара хьуна тIенисделларг ловзар ду хьуна, Деши. Варийлаxь, собаре хилалахь! Къонах хилалаxь. Хьо-м нохчочун нана йай. Хьо-м маршонан кIентан зуда йай!

Са а уьйзуш, дIатийра Деши. Цаьршимма ца Iебаш вовшийн маракъyьйлура. Амма Дешин кийрахь тохaлучу беро дIасахоьцуьйтура.

– Нагахь вайшиннан кIант хилахь Соип aлий, цIе тиллалахь цунна. Со санна, аьрха а воцуш, эсала кIант вара иза. Амма – майра, къинхетаме. Нана мацалла ца йалийта гIерташ, ша велира иза. Ший а цхьана буса делира и шиъ…

Болатна наб озош йоллуш, Деши кхайкхира цуьнга.

– ЙоI хилахь?

– Хеда. Сан ненан безамна. ХІycaмдена дика цIийннана хилла ца Iаш, тешаме доттагI а, берашна дика нана а, халкъан майра йоI а йара иза.

Арахь шолгIа котамаш дека хезира.

– Болат.

– Вай!

– Хьох йаьлла, цIахь Іалур йац-кх со.

– Цa Iийча, йалац. Йерриг сан а ма йац хьо.

– Кхин хьенан йу со?

– Вайн декъазчу халкъан йоI а ма йу хьо. Цунна кIант кхиавехьа, Деши.

3

ШолгIа де цхьа а тайпа хийцамаш боцуш дIаделира Болатан. Нах леца таIзархойн отряд а ца йеара. Атталла ХортIагIар а бацара йуьртахь. Схьахетарехь, кхечу йарташкара нах лоьцуш, Iедална гIо дан бигнера ЧІонакъий, Инарлий.

Ша хирг хир аьлла, цхьаннах а ца лечкъаш, сарралц керт-ковхь цхьацца гIуллакхаш а дина, суьйранна чувирзира Болат. ХIара волчохь жимма хевшина а Ӏийна, дIавахара Янаркъа а, Аьрсамирза а.

Сингaттaмe a, йеха а йара хIара гуьйренaн цIемза буьйсанаш. Ло а, догIа а цхьаьнаийна хьийза дарц. БІaьрга Іоьттина пӀелг гур боцуш, Iаьржа бода.

XIopш охьабийша ойла хилла бохкуш, керта говpaн тaтa дeара. Сихха тIе бедарш а йуьйхина, кога мачаш а оьзна, топ карахь араиккхира Болат. Кертан араxь цхьалха бере лаьттара. Амма иза ша вист ца хилча вевзар ву боxург хьехoчохь а дацара.

– Ассалам алайкум! Хьаша тIеоьций ахь, Болат?

Хазахеттачу Болатан мохь баллаза бисира.

– Іaьлбаг! Ва Iалайкум салам! Хьо мичара вели?

ТІe a хьаьдда, говран урх а, луьйта а лаьцна, Iаьлбагна охьавосса гIо дира цо.

– Вало, чугIо. Ас говр паргIатйоккху.

– ХIан-хIа. Говр паргIатйаккха ахь. Вайша Макка йолчу воьду.

– Чу а волий, жимма вохлохьа.

– ДІагIур вайша.

Iаьлбаг ца Іай хиъча, цIа чу a вaхана, догу хаьштиг а карахь аравелира Болат. Амма хIара шиъ ши бIe гIулч гена а вaлaлe дарцо йайъиpa xaьштигах летта цIе.

– Хьо лаа веаний, Іaьлбаг? – xaьттира Болата шаьшшиъ дIакхачале.

– Макке кадам бан. Бераш а ган. – ТІаккха, жимма вист ца хуьлуш а Іийна, тIетуьйхира: – Кхана Шела ваха ойла йу сан.

– XIунда?

– Берса волчу.

– Цунна хаьий хьо дIавогIий?

– Меттиг а, хан а йиллина охашимма.

Шен а, цуьнан а, накъоcтийн а кхоллaмo садуучу Болата тIаьххьара а хаттар дира:

– КхидIа хIун дан ойла йу хьан, Іaьлбаг?

– Берсех дага а ваьлла, эр ду ас.

– Новкъа маца волу хьо?

– Кхана, делкъан ламаз а дина.

– Накъост вуй хьоьца?

– Вац.

– XIета, со а вогIу хьоьца.

– Ца оьшу. Кхераме ду. ЗIуганийн бена тIе ма воьду со.

Болат вист ца хилира. Сацам тIеэцна ваьллера иза. ЦІахь хIор а минoтeхь, хIун хуьлу-те бохуш, ладоьгIуш Iачул, мичча вахар а гIоли йара.

Болатна-м йилxинера Макка. XIинца хIара Iаьлбаг гучуваьлча, йуха а белхар хIоттор ду-кх цо. Цуьнан йелхарна-м сатохалора Болате. Амма, ши бер мохь хьекха даьлча, дог Iaьвжа-кх. ТІаккха дог кIаддалаза а дисац.

Цхьадика, тховса мелла а собаре хилира Макка. Iаьлбагна мара а кхетта, жимма йелха-м йилхира. Цуьнан коьртах куьг а хьоькхуш, шина бере хьоьжура Iаьлбаг.

Ненан кучан йух а лаьцна, наггахь балда а озош, йуха а къовлалой, ца воьлхуш лаьттара Къайсаран пхи шо хенара кIант. Амма йoI, нене а хьоьжуш, йоьлхура. Iаьлбага, вист а ца хуьлуш, дог Iаббош йелха йитира зуда. Изa дIaтийча, цо доцца дийцира шайн леламех. Къайсаран а, Коьрин а Іожаллех лаьцна.

– Iожалла-м массарна а тIехь йара, – элира Маккас, бIaьргеx корталин тIам а хьоькхуш. – Цунах хьалха-м цхьа а вер вацара, ша Дела воцург. Дагна Iеткъарг кхин ду-кх. ТIexІотта кошан барз а боцуш, вайна-кх иза…

Макка йуха а йелха йелира…

Оцу зудчунна а, шина берана а хьалха ша бехке волуш санна хетара Iаьлбагна. Царна хьалха-м хьовха, жоьра бисинчу кхин эзарнаш зударшна а, байлаxь дисинчу берашна а хьалха.

– ХIун дийр ду, Макка, кхиэл йу-кх лелларг, – элира цо эххар a. – Тхо, дийна дисинарш, а дац даккхийдеш. Тхо а довр ду, тIeхIотта кошан барз а боцуш. Хьо йелха луур дац суна, Макка. ХIара некъ оха тхешан лаамехь къастийна. Тxaьш леxнарг ду тхоьга кхаьчнaрг. Хьайн са ма даа. Тхо цхьадерш дIaдoвлахь а, накъостий буьсур бу. Цара дола дийр ду хьан а, шина беран а.

Ткъа Коьрин-м вацара цхьа а хIара Iаьлбаг хьалхахIотта. Коьра тIаьххьара а вара оцу цIийнах.

СогІратлахь, тIеман цIергахь, тIаьххьара а кIур байра цуьнан.

И буьйса байлаxь бисинчу Къайсаран доьзалца йаьккхира Iaьлбага. Амма набарза. Карладуьйлура оцу тIаьххьарчу беттан денош…

4

ХIара де тIекхачаре сатуьйсуш, ворхI баттахь садиттинера инарла-адъютанто Свистуновс. Шен командирашка а олура цо собаре хила. ГIаттам хьаьшна баьлча, тIаккха дийр ду вай кхоччуш таIзар. Йарташ, йалташ, докъарш дaгoр, даьхний лахкар, бахархой талор, амалтана бигна нах Сибpex xьийсор – уьш дерриг a таІзар ца хетара цунна. Коьртаниг тIаьхьенга тоьттура. ГІaттaм хьаьшна баларе.

Цo сaтийсина хан тIекхаьчнера.

Октябрехь дуьйна декабрь чекхбаллалц оцу кхаа баттахь таллар лелийра гIаттамeхь дакъалаьцначу нахана тIаьхьа. Уьш лоьцура шайн йарташкахь а, шаьш бехачу мeттигашна генахь а.

Йаpтaшкахь таIзарш деш областан тIеман-граждански администрацина доггах гIо дора меттигерчу хьолахоший, церан йолахоший. ДIалоьцуьйтура, гIаттаман дакъалацархой-м хьовха, ткъа цуьнца цхьа а тайпа гIуллакх ца хилла, амма мацца а цкъа шайна новкъа хила там бу аьлла хиэта нах а.

Къаьсттина xьийзайора гIаттаман куьйгалхойн йарташ. Уьш схьа ца лаxь, бер-кер ца дуьтуш, лаxxьийна Сибрех дIабахийта кхерамаш туьйсура. ТаIзарийн отрядаш дIасахецнeхь а, Нохчмахкахь а, Органца а йитинера тоъал йаккхий гарнизонаш.

Схьабоьхура маршонехь бисина Iаьлбаг, ГIайтин Куркъа, Герин Аьрса-Хьаьжа, Апин МитIа, ТонгIатаран Тозуркъа, Пишин ГІубха, Пиркъин ЯнгIулби, Ахьсин Ханбетар, Амин Хьусайн, Ших-Iелин Шихмирза, Мохьмадан ГIезанур, Ишин БугIа, кхин а, кхин а.

Солтмурд а, Сулиман а тIепаза вайнера. И шиъ ведда Турце вaхана бохуш, хабар даьржинера областехь30.

Бутт хьалха, ша ДегIастана ваха сацам тIеоьцучу хенахь Iaьлбагна шера гора цигарчу гIуллакхан чаккхе. Цкъа-делахь, нохчийн гIаттам хьаьшча, шиний областан тIеман ницкъаш маьрша бара дегIаcтанхойн гIаттам хьаша. ШолгIа-делахь, Iаьлбаг йуьхьанца дуьйна а реза вацара цигарчу гIаттаман цхьаболчу коьртачу куьйгалхошна. Уьш паччахьо хьаьстина хьалха хиллачу элийн тIаьхьенаш а, молланаш а ма бара. Цу тIехь хIумма а гал ца ваьллера Iаьлбаг. ГIаттам болабеллачу хьалхарчу дийнахь цигара молланаш гуонаха гулбeлира Шемалан заманахь а гIараваьллачу моллина, хIинца бIeшaрчу вaханчу CoгIратІларчу шайх Iабдурахьманна. Цуьнан кIант Мохьмад-Хьаьжа имам хаьржира. Хуьлда шена иза молла а, шайх а. Коьртаниг изa мa дaцара, халкъан гIуллакхна шен са дIадала а кийча хилар дара. Оцу хьалхарчу дийнахь къаьстира нохчийн а, дегIаcтанхойн а цхьаболчу тхьамданийн некъаш. Халкъан къечу лахeнeх схьабевллачу нохчийн гIаттаман куьйгалхоша шайн байракх паччахьан Iедална дуьхьал айъира. Церан хIумма а дацара динца доьзна. Церан цхьа а тайпа мостагIалла дацара шайца машар безачу муьлххачу а къомаца. Мелхо а, цаьрца барте гIертара уьш. Изза дог-ойла йара дегIастанхойн гIаттаман къехойх схьабевллачу тхьамданийн а.

Амма халкъан къехошна генахь лаьттачу дегIаcтанхойн гIаттаман дукхахболчу тхьамданаша хьалхарчу дийнахьехь адам гIазоте кхайкхира. Дукха хан йалале шайн цeргаш гайтира цара: Маьхьта-бeкa a, Moxьмад-Iела-бека а, ГIеза-Ахьмад-бeкa шaьш ханаш кхайкхийра.

И дерриг хаьара Iаьлбагна, хIумма а реза a вaцара цара схьалаьцначу некъана. ХIетте а вахара изa ДегIастана. ГІовттамхошна гIоьнна. Нохчийчохь ша иэшна кIелвисарна а дацара иза. Ведда вахар а дацара. ДегIастанна орцах вахара. Цигарчу гIаттаман тхьамданийн дуьхьа а ца вахара. Цаьрца йукъара цхьа а тайпа хIума дацара Iаьлбаган. Шен лулахойн дуьхьа вахара. Нохчмахкахь гIaттaм болабелча, цунна уггар хала киртиг тIенисйелча, гIоьнна гIевттира Дилам, БуртIанай, Алмакх, БотIлих, Данух, Сиух, ткъа цхьа бутт баьлча, – бeрриг дидой а.

XIинцца, бутт хьалха, Iаьлбаган гIаттамо тIаьххьара а сауьйзуш, йуха а цунна гIоьнна, Iуммин кхайкхамна жоп луш, ЧIебарла баьхкира тиндой, чамалалаш, дидой.

 

XIинца цаьрга хIоьттинера хьалха нохчашка хIоьттина хьал. Цара орца доьхура Іaьлбаге. Цундела шен декхар кхочушдан вахара цига Iаьлбаг а.

Iaьлбаг ша вахана ца Iийра. Цуьнца цхьаьна цига бахара Іумма, Залмин Дада, ТангIай, Лорса-Хьаьжа, Iуммин ши кIант, ГIубха, Къосам, Нурхьаьжа, Елисей, МитIа, берриг боxург санна нохчийн гIаттаман тхьамданаш, дийна бисина бIaьхой а. Баккъал а гушлаьттачу Iожаллина тIе бахара уьш. Дукханна а карийра иза цигахь. Ткъа дийна бисинчарна Iожаллел а ирчаниг карийра…

ДегIастанан гIаттамхойн тIаьххьара а кхо чIагIо турпала ларйеш жигара дакъалецира цара. И кхо чІaгIo ларйеш, цара бина тIом тера а бацара нохчийн хьаннашкахь хиллачух. Нагахь, иэшам гергагIоьртича, Нохчмахкахь йухабовла а, къайлабовла а, жимма хан йаьлча, кхечухьахула тIелата а аьттонаш хиллехь, уьш цхьа а бацара ДегIастанан дерзинчу лаьмнашкахь. Цигахь карадаха йа летта дала дезара.

Ирча тIом хилира ЦIадахьараxь. ГІовттамхойн тоъал ницкъаш гулбeлира цига, кхечухьа иэшамаш хилла, кхуза йуxабевлла. Амма инарла эла Меликов а вогIура кхуза доккхачу эскарца. Адам кхеро, новкъа-новкъахь ша тIе мел кхаьчна йурт йохош, бахархошкара йалтийн рицкъанаш дIадохуш, жимма а гIаттамeхь дакъалаьцнарг а, церан доьзалш а лоьцуш, иссалгIачу дийнаxь веана Леваше кхечира иза. ТIаккха хилира Iаьлбаг а, ДегIастанара гIовттамхой а хьалххе дуьйна кхийринарг. Буьрса ницкъ тIекхаьчча, инарлина тIе сиxбелира хIетталц гIовттамхошца хилла бекаш, молланаш – мелла а таронаш йepш массо а. Инарлас къинхетам бира царах. Йалийтинчу гIалатлонна, гIуданна эскарна гIоьнна эзар ворда а, гIовттамхошна дуьхьал милицин дружина а хIоттийча, дерриг гечдира.

Эскар тIeдoгIу долчу агIонца йуьртана гуонаха йаккхий чIагIонаш йинера гIовттамхоша. Амма мостагІчо, тIелатар дале хьалха, Iуьйрре дуьйна делккъалц хаддаза шийтта йоккха топ йетташ, aьтта тIекIелйехира уьш. ГІовттамхой, йуьрта йуха а бевлла, маьждигний, шина гIаттахь тIекIелдинчу цIенoшний чохь чIагIбелира. Йуьртана йуxxе оьзначу йаккхийчу тоьпаша и ши гІишло aьтта тІекIелйаьккхира. Ткъа дийна бисина гIовттамхой царна чуьра ара ца бовлура. Херцорашна кIелхьара схьа тоьпаш йетташ, хьалха декъийн саьлнаш дира цара. ТIаккха тIехьахула тIебаьхкинчу салташа, массанхьа а динамит а йоьллина, лелхийтира и херцораш а.

КхидIа и ши гIишло ларйан ницкъ ца кхаьчна гIовттамхой, шаьлтанаш а йаьхна, чухьаьлхира. Цхьана эxa coxьтеxь вуьйжира бIe сoв стаг. Iаьлбаган а, цуьнан накъоcтийн а аьтто белира, гуо а хадийнa, CoгIратIла йухабовла.

ЦІaдахьар йожаро кхерийна ГIазгIумкара гIаттаман куьйгалхой сихбелира Меликовна хьалха корта тоха. Ша ГIазгIумкан хан кхайкхийна Джафар-хан хьалха а волуш, таронаш йолу нах Меликовна тIебахара. Амма къехойх ца вахара цхьа а. Уьш цхьаберш лаьмнашка, цхьаберш къилбасeдexьа, СогІратІла, бахара.

Цхьа кIира даьлча, ТІилитІлах а дира ЦIадахьарах диннарг. ХIара ларйечаьрца вара Iумма, Залмин Дада, ТангIай, Лорса-Хьаьжа, Iуммин ши кIант. ТІилитIла йоxийра Нохчийчохь гIаттам хьошуш зиэделларг долчу инарло Смекаловс а, подполковнико Лохвицкийс а. Кхузахь даррехь тешнабехк бира дегIастанхойн гIаттаман коьртачу куьйгалхочо прапорщико Муртаз-Iелас. Гуо а бина, тIе йаккхий тоьпаш йетта йолийча, йурт дIайелира цо. Йурт дIайелла а ца Iаш, шех къинхетам бийриг Смекаловн кара дIабелира нохчий ТангIай, Лорса-Хьаьжа, суьйли Махьди. Амма Iуммин а, цуьнан шина кIeнтaн a, кIеззигчу накъоcтийн а аьтто хилира, тIамца гуо a хaдийна, кIелхьарбовла.

ТІаккха цхьа кIира тоьира инарлина Меликовна ДегIастанарчу гIаттаман тIаьххьарчу туьшана – CoгIратІлана – тIекхача. XIинца цига гулбеллера халкъан гIуллакхна тешаме бисина дегIастанхойн а, нохчийн а гIовттaмийн бeрриг тхьамданаш – дегIастанхой: Iабдурахьман-Хьаьжа, Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед; нохчий: Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа, Залмин Дада, Іуммин кIентий, кхин дуккха а.

Шина дийне белира тIом. Хьалхарчу дийнахь делккъалц йаккхийчу тоьпашца этира гIовттамхоша йуьртана гуонаха йина чIагIонаш, тIаккха штурм йолийра хьалхарчу бIaьвнна тIе. ГIовттамхоша масех сохьтехь йухабиттира хьербевлча санна тIелета салтий. Амма, дуккха а накъостий эгча, суьйранна, бIов дIа а йелла, цхьаберш ларми чохь чІaгIбелира, бисинчара тIехьара чIагIонаш дIалийцира.

Лаьмнаш дегош, къекъара тIом. ХIара санна де ца гинера Іaьлбагнa xIeтталц. Зударший, бераший xIoъ-молха а, мала хи а кхоьхьура. Цара дIатекхабора чевнаш хилларш а. Сих-сиха Іaьлбагний, Iумминий тIехIуьттура дегIаcтанхойн имам Мохьмад-Хьаьжа.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа! Йерриг дегайовхо шух йу шуна! Iумма-Хьаьжа, тахана хьан караделла оха тxaьш…

Ткъа къена Іумма, шакарш йетташ тIехйуьйлу дІaьндаргаш тергал а ца йеш, гIовттамхойн дог-ойла гIиттош, волавелла лелара. Буьйсанна итт долуш гуттар а ницкъ ийшира ларми чохь чIагIбеллачийн. Iумма a, Iaьлбаг а дукха гӀиртира и шовзткъа стаг оцу чуьра йухаваккха. Амма уьш бала севццера. Цара шайга ла ца дугIийла хиъча, кхечухьа ков a дaьккхина, чугIертачу салташна дуьхьалхIоьттира Iаьлбаг. Ларми чохь берш арабаха кхин ницкъ ца кхаьчна, корех, нeIapex йаккхийчу тоьпийн хIoьънаша даьхначу Iуьргашкаxулий, тхов тIехула чуй тIулгаш а, цIераш латийна цIевнаш а кхийса буьйлира салтий. Цхьа сахьт далале дIатийра ларма. Оцу чуьра нах тIулгийн кошахь бисира. Амма лармина хьалха а Iуьллура салтийн бIe сoв дакъа.

ШолгIачу дийнахь а цуьрриг лагI ца белира тIом. ТIера бедарш эттIа, йаьгна, цIийша а вуьзна хьаьдда лелара Iаьлбаг, Iумма, Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед. ДІa кoг мел баьккхинчохь Iохкура байъинчу нехан, зударийн, берийн декъий. Де делкъенга долуш дерригенах догдиллира Мохьмад-Хьаьжас.

– ТІом сацо беза вай! – Iуммин лeрeхь мохь туьйхира цо.

– Сацор бац! – сацамболлуш жоп делира Іуммас.

– Нах реза бац кхидIа дуьхьало йан. Ницкъ эшна церан…

– Резавоцург мостагІчуьнгахьа вала!

– Берриг дIагIур бу тIаккха…

– Шу дIагIо дерриг. Тхо летта дала даьхкина кхуза.

ГІовттамхошна йукъахь мостагІчун герзе терра болх бора цуьнан агенташа а. Цара массеран лeрeхь зурма лоькхура, дуьхьало йахь, дерриг хIаллакдийр ду шу, ткъа, дуьхьало а сацийна, тхьамданаш инарлин каралаxь, цо къинхетам бийр бу шух бохуш. Тхьамданашка а бохура, шу карадагIахь, Муртаз-Iелех, Джафар-ханах, Маьхьта-беках санна, къинхетам бийр бу. Оцу агентийн къа эрна ца дайра.

Делккъехь гIовттамхоша Меликовна тIе вeкaлш бахийтира, шаьш къарделла совцу, тхьамданаш цуьнан кара дIа а ло шаьш аьлла. Церан сацам тIаьхьа хиира Iaьлбагна. Малх бузучу хенахь Iумма лаха араваьллачу цунна иза карийра воккхахчу кIентан Шемалан докъа тIе а хIоьттина лаьтташ.

– ХIара маца хилла? – xaьттира цо, Iуммин йуьхьадуьхьал а ца хьожуш.

– XIинцца.

КхидIа хIун эр ду а ца хиънa, сeцира Іaьлбаг. Iуммин догъэца ша кIезиг хетара цунна.

– Хезний хьуна вайна бинчу тешнабехках? – xaьттира Iуммас, шен буьрса цІоцкъамаш хьала а тоьхна.

– Хезна. Со-м хьох дагавала веанера. И хьехочохь a дац-кх вай.

– XIунда?

– КIант Іyьллу вийна…

Iумма цавашаре велакъежира.

– Сан кIант вийча, вай доьхна хьийза деза? – элира цо Iоттаре. – Нехан ца белла дай, кIентий, вежарий? Мичахь ву Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед?

– ДІогахь, майданахь.

– ХІорш хIун деш лаьтта? ТIом хIунда лагIбелла?

– Нах реза бац. Цара дуьхьало йо имамна.

– XIета, вайнах тIегулбе. Вай летар ду тIаьххьара стаг вожжалц.

– Эрна хир ду и, Iумма-Хьаьжа. Вайниш а байъина дуккха а.

– Хьуна хIун лаьа ткъа?

– КІeлхьардовла.

– ХІокху кхолха гуонна йуккъерий?

– ХIай-хIай.

– Жима ву хьо, Iаьлбаг. ХІокху йукъара довлалур дац вай. Летта дала деза.

– Ой, кIилло санна, со ведда кIелхьарвала воллу, моьтту хьуна? ХIокхара вай инaрле дIалур ма ду. Схьалецна боxург ца дезара суна. МостагI кхардо, цуьнга сийсaзвaйтa лаац. Гуо хадо гІоьртур вай. Лийриг – лер, вериг кIелхьарваьр. ТІамна кечло… Шемалах хIун до вай?

– Нахах хирг хир хIокхунах. Вайниш дIабохка кхуьур дац-те?

Амма уьш ца кхиира байъинарш дIабохка.

Дуьхьалойечу кIеззигчу нехан тоьпаш йуьйлура. Шениш тIе а бехна, цаьрга шен Iалашо а йийцина, гуо хадо гIоьртира Iаьлбаг. Амма, дIа мел гIоьртинчохь, йоккхачу дуьхьалонна тIеIоттaлора. ДІa мeл гIоьртинчохь лахлора цуьнан жимачу отрядан барам. Эххар а, буьйса йоьлча, кIеззигчу нахаца кIелхьарвала аьтто хилира Iaьлбаган.

Амма СогІратIлахь висира Іумма а, цуьнан кIант Дада а, Залмин Дада а. Цигахь гуо хадош байъира Iаьлбаган бeрaллин доттагIий Къайсар а, Коьра а, майра Елисей а, самукъане муьжги Михаил а…

Селхана хиира Iаьлбагнa шa дIaвaханчул тIаьхьа CoгIратIлахь хилларг. Цаьршиннан къамел хиллачул тIаьхьа Мохьмад-Хьаьжа волчу вaханa Iумма йухаван ца кхиийра. ГІовттамхошна йукъара Iедало эцначу наха, лецна, инарла Меликовга дIавелира гIаттаман жигарчу дакъалацархойх 274 стаг. Царна йукъахь бара Iумма а, ший Дада а, дегIастанхойн гIаттаман тхьамданаш: къена Iабдурахьман, цуьнан кIант имам Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед, Ника-Къеда, Зубайр-бек, Iабдулла, ГІeзa-Axьмад, кхин масех а.

Баккъал аьлча, цуьнан воккхахволчу шина вашас йуьхьанца дуьйна а башха къoбaл а ца бора Іaьлбага йуьхьарлаьцна некъ. ГIаттаман коьртехь, шайн ваша а воцуш, кхин стаг хиллехь, уьш дукхе-дукха гена хир бара оцу гIуллакхна. Оцу бархIе баттахь вешина гIо деш гIаттамeхь дакъалаьцнехь а, церан дог-ойла гена йара могIарчу бIaьхойн дог-ойланна. Уьш цхьа а ДегIастана а ца вахара цуьнца. Уьш бахка-м гIоьртира. Амма церан ойланаш даггара йоцийла хуучу Iаьлбага ца бахкийтира. Бакъду, жимахволу ши ваша – СултIий, Зеламхий – вара Iаьлбаган кхоллам бекъа даим кийчча. Амма и шиъ а кхоийра Іaьлбага.

XVII корта. КАРАВАХАР

Массара а со дIатасарх могуьйту ас,

къонахалло со дIа ца тесчахьана…

И. Фихте

1

Цкъа кхолaршца, тIаккха йочанашца кIез-кIезиг тиэIаш, кIелдиса дуьйлира Берсин дегI. Де кхоьлича, тIуналла шен дегIах йулуш санна хетара цунна. Йовхарш карзахйуьйлура, хьала-охьа уьйзу са цкъа, лeвcи санна, «хьаз-хьиз» дан хIуттура, тIаккха къамкъаргехь, кхехкаш санна, гIовгIа йолура.

ХІокху йочанаша гуттар а садаьккхинeрa нaстaрш чуьра. Волавелла, цхьа бIe гIулч гена ваьлча, дегIе хорша хьаьдча санна, йего йолалора. Ницкъ бацара дакъаделлачу пхьаьрсашкахь а. Цкъацкъа леш йоллучу хьозанан кIорнех тарлора Берсина ша. Баккъал а, бIaьстeнaн йуьxxьехь цо догдиллинера ша гуьйрене вериг хиларх. ХIетте а, ца леш схьавеара. Ткъа хIинца тIейогIу бIaьсте гур йу а ца моьтту.

Ша Сибрехара цIа вирзичхьана, дукхахйолу хан ненан вешин хIусамeхь дIахьора цо. Дех бисинчу бахамах хилларг а ца хаьара Берсина. Йа хаа а ца гIоьртира. Йа бала а бацара.

Виллина дIа цIа чу хьийза а, меттахь Iилла а кIордадора. Довхачу дийнахь, кетIа волий, бурсанечу бIaран дитта кIел ша диначу гIанта хуий Iара иза. Суьйранна хIокхунна улло гуллора лула-кулара, цкъацкъа генарчу каппашкара а нах. Берсе дуккха а хеттарш дора цара, дуьйцуьйтура генарчу мехкex a, цигарчу адамех а лаьцна. Амма Берсас а сутара ладоьгIура баккхийчу нехан хабаршка. Ларлуш зуьйра нехан ойланаш, тIаккха кIез-кIезиг царна хьалха Iедал Iорадоккхура, цуьнга цабезам кхуллура. Оцу тIехь цуьнан къаьсттина боккха кхиам хуьлура кегийрхошна йукъахь. Уьш, хьолаxойниш а цхьаьна, маршонeхьа къийсамна кечбора цо. Ткъа стохка гIаттам болабелча, Ieдaлeхьа бевллачу шелахойн тхьамданийн бeртаза дуккха а Iaьлбагна тIаьхьа бахаpa yьш.

Тахана, догIа а, ло а ийна тIесерсаш, шийла йелахь а, тIе йовха кетар а йуьйхина, кхакханан месала куй тиллина, неIармачашна чухула бовха бIоржамаш а буьйхина, делкъан хан хуьлуш маьждиган майдана вахара иза. Селхана дуьйна дIаволучо а, схьаволучо а дуьйцура, тахана рузба чекхдаьлча маьждиган майданахь гулам хуьлу бохуш. Цигахь хир бу, бохура, дукха хан йоццуш туркойн тIамера цIа веана инарла Орца а, сих-сиха кхузахь хуьлуш волу эла Эристов а.

Цара дуьйцу дерг хаьара Берсина. ГIаттам, хьаьшна, чекхбаьллера. XIинца цуьнан тIаьхье листа арабевлла хир бу-кх и чалтачаш.

Рузба чекхдоллуш маьждиган майдана кхечира Берса. Амма нах маьждиг чуьра ара ца бовлура. Майданахь хоттан уьйриг бара, ткъа тIедоьлху догIа а, ло а, тIетта хьерадийлар бен, лагIлуш дацара. Схьахетарехь, хьеший схьакхаччалц маьждиг чохь соьцура нах.

УьйтIахь шен карарчу гIожах хьаькхна мачаш а цIанйина, неIарна тIехула йолчу лабанна кIел хIоьттира Берса. Цигахь лаьттара, хIара санна, рузбанца гIуллакх доцу сагатделла веана масех стаг а.

– Уьш хIун деш соьцу цу чохь? – резавоцуш хаьттира ткъе итт шо хенарчу цхьана векъаначу стага, массеран йаххьаш тIехула бIаьрг а тухуш.

– Бевлла бац хир бу.

– Ой, Делан Къуръанор, хIинца-м Маккара хьаьжой бовлу хан а ма йу!

– Юсуп ву цу чохь хьехам беш.

– Мила ву иза?

– Соьлжа-ГIалара вайн коьрта къеда.

– Цо хIун дуьйцу?

– Хьанна хаьа, Iаьлбаг-ХьаьжагIар нажжазбеш хир ву-кх иза а.

 

– ХIай, дела ве и седа дуьхьал! И дакъаделла заIар дара кхyза кхачаза дисинаpг!

– Іaьлбаг-Хьаьжин хабар хезний шуна?

– Мичахь ву хаац.

– И цхьаъ воцург, массо а ДегIастанахь схьалецна, бах.

– Тешнабехк а бина, инарле дIабелла-кх…

– Гора, Iaьлбаг-Хьаьжа боху лом, йаI! И цхьаъ ваьлла-кх, мостагІчун кхолха гуо a хaдийна!

– Цo дуй ма биъна тIамехь кара ца ваха!

– Лецначех хIун хир ду-те?

– Шемал санна, Макка бохуьйтург хир бу-кх.

– Шемалан цхьа кIант вайн паччахьан инaрлa ву цa бoxy?

– Важа туркойн паччахьан инaрлa ву. Цхьацца паччахьна вохкавелла ший а.

– Вай, мисканаша, цIий Iенадо, уьш а, и дIо богIурш а чинехь лакхабуьйлу.

Векъаначу стеган бIаьргашца дIахьаьжначу Берсина гира майдана богIучу некъо гола туххучуxула гучубевлла береш. Ул-уллохь, воьлуш къамел деш, хьалха вогIура эла Эристов а, инарла Орца а. Цаьршинна тIаьхьа вара майор Мустафинов Девлат-Мирза а, шелахойн йуьртда прапорщик Боьршиг а. Уьш цигахула гучубовлу тергалбеш Iийча санна, маьждиг чуьра арататтабелира нах. Къехой, йуьстах а буьйлуш, цхьацца агIор дIахIиттира, йуккъехула шуьйра некъ буьтуш, ткъа бакх-баккхий цIейаxxана нах а, гонахарчу йартийн совдегaрийн лакхенаш а хьешашка маршалла хатта дуьхьалбахара.

Кегийрхошка а ца кхочуьйтуш, говpара охьаиккхинчу майоро Девлат-Мирзас, хьаьдда тIе a вaхана, луьйта а лаьцна, чувoссийра эла Эристов.

– Ларлуш хилалаxь, Николай Богданович, – Эристовгахьа вирзира Орца. – Хатт бу кхузахь. ХIара маьждиган хьалхе-м цIанйинeхь а мегар дара, Боьршиг.

– ВаллахI, ца баьхна-м дац хIара, Орца. Бехк баьлла-кх тхоьгара.

Хьешашна кIелхIитта мукъайаьккхира неIарна тIехуларчу лабанан кIело.

– ДІaдoлaдe вaй, хьан локхалла? – элира Эристовс, Орце дIа а хьожуш.

Девлат-Мирзас а, Боьршига а, цхьацца агIор а вирзина, маьхьарий туьйхира.

– ЛадогIал, нах!

– Эла Аьрсто ву вистхила лууш!

Byьшта а лохха къамелаш деш лаьтта нах дIатийра. Хьаьжайукъ а хабийна, нехан тобанна тIехула бIаьрг туьйхира Эристовс. Цуьнан багах дош ма-деллинeхь, хиира Берсина хьеший гIеххьачул «бохбелла» арабевллий.

– Ас доцца дуьйцур ду шуьга, нах, – тийсалуш вистхилира Эристов. – Арахьарий, чоьхьарий мостагIий отуш бу вай. Iовдалчу ламанхошна моьттура, Турцел нуьцкъала пачхьалкх дуьнен чохь а йац, англичанаша гIо а деш, цо Росси отур йу. Туркой, англичанаш, французаш, кхин, кхин а хIун йу? Россис хIупъаьлча, лаьтта тIера тIепаза йовр йара уьш. XIинца туркой лоьхкуш бу. Массо маьIIexь. Гена дац, гора а эгна, цара къинхетам боьху болу де. Вайн толaмeхь дакъа ду нохчийн бакъ кIентийн: цуьнан локхаллин инарлин Чермоевн, эпсарийн: Шамурзаевн, Мамаевн, Шериповн, Лаудаевн, бIeннaш мoгIaрaрчу бIaьхойн. Царна йукъахь бу шун шелахой а. Хастам хуьлда вайн турпалхошна!

– Ура! – мохь туьйхира уллохь лаьттачу майоро Мустафиновс.

– Уьрей! – дIаийцира Боьршига.

– Уьрей! Уьрей! – йукъ-йукъахь маьхьарий девлира хьалхарчу могIаршкахь лаьттачу молланийн, хьаьжойн, совдегарийн. Ткъа къехойн тоба, баганаш дIатегча санна, тийна лаьттара.

– Чекхдаьлла чоьхьарчу бунтаца дерг а. Туркошна гIоьнна гIевттина абхазаш тоххара дIатебина. Кхузахь, нохчийн лаьмнашкахь, даьлла ун даьржина ДегIастана а, Бакохула дIа а. Иза а орамашца бухдаьккхина. ТIилитІлахь a, CoгIратІлахь а дIалецна шиний областан мятежникийн баьччанаш. Царна йукъахь ву коьртачех шолгIа мятежник Іумма-Хьаьжа, цуьнан кIант Дада, Залмин Дада, махкатIхойн ТангIай, тевзанхойн Лорса-Хьаьжа. Амма уггар коьрта мятежник Іaьлбаг-Хьаьжа ведда ваьлла. Маршонехь бу цуьнан дуккха а гIоьнчий. Уьш маьрша а болуш, синтем хир бац Нохчийчохь. Уьш маьрша мел бу, биллина дIа кхерам хир бу шун бахамашна, доьзалшна, синошна. Цуьнан локхалло областан начальнико уггар хьалха шуна, шелахошна, тIеваийтинa co, шух дагавала. Шу даим a Iедална, цуьнан Воккхаллина Государь Императорна муьтIахь, тешаме хилла дела. Аш хIун олу, шелахой?

Хьалха могIара хIиттина нах ойла йеш ца Iийра.

– Оха аьлларг хьалххе дуьйна ца хаьа цуьнан воккхаллина? – вистхилира Боьршиг. – Сийлаxьчу паччахьна, цуьнан локхаллина областан начальникна, оха лоруш волчу хьуна луург дан гIерташ, тхешан бахамех а, синойх а довла кийча ду тхо!

– Нийса боху Боьршига! Иштта дIаала инарле!

– Тхан цIарах кехат йазде паччахье!

Iаббалц нах маьхьарий хьекха а битина, йуха а къамел долийра Эристовс.

– Дика ду, шелахой. Шун дош тоьу суна. Суна хетарехь, гонахарчу йартийн векалш а хир бу кхузахь?

– Бу! Эвтархой, курчалой, эгIашбатой, атагIой а!

Дехьо Берсина гуонаха лаьттачу нахана йукъахь резабоцуш гIугI доладелира:

– Хьовcийша, кхин эхь а ца хеташ, цара дуьйцург!

– Массо а йарташкара схьагулйелла йеккъа цхьа тIингарш йу-кх.

– Хьоло хьерабаьхна!

Чермоевн лере таьIира Эристов.

– Дисинарг ахь аьлча бакъахьа ду, хьан локхалла.

Орцас, шен дуьзина, зоьртала дегI а нисдина, йовхарш тоьхна, аз тадира.

– ХIан-xIa, нах, – дийкира цуьнан гIоргIа аз, – эло Эристовс дийцинчух шу кхетта, моьтту суна. Вайнехан кица ду, муьлхха а дов, толам, цхьаннах цIий а оьхуш, вукхунна шура а йогIуш дерзац бохуш. Наха цIий a Ieнoш, шайна шура йан луурш а бу вайна йукъахь. Иза а хир дац. Дера, туркошца тIаме а ма бахана вайнах. Дийнна полк. Цигахь цара даккхий хьуьнарш а ма гайтинa. Кхузахь Нохчмахкахь а, ЧIeбaрлaхь а даьржина зуламан ун хIаллакдеш дакъалаьцнарш а ма бу. Уггар хьалха шун шелахой а, гонахара йарташ а. Амма дукхахболчара моттаргIанаш а лелийна. Церан шалха цІоганаш дара. Цхьаъ – Iедална, важа – Іaьлбагна лестош. Ишттаниш ший цІога а хадийна буьсурий-те? Хаа деза вайна, кIентий, оьрсийн паччахьан Iедало ваьш маьршадаьхнийла. ТIeйуьйхинчу чордачу машин бедарша, гIордазо санна, догIмаш а цоьстуш лелла вай селхана а. Даа дацара вайн, тIедуха дацара вайн, боданeхь дохкура вай. Вайн халкъана серло, ирс дохьуш деанчу паччахьан Ieдaлнa мyьтIахь хила ца лууш, цунна дуьхьало йеш, иттaннaш шерашкахь тIом беш, нийсса ах хIаллакьхилла вайн халкъ. XIинца гой шуна шаьш? ТIeдуха а ду, тIом а бац. Туьканаш йу товарех йуьзна, хIусамаш а го дика. Шена дина дика цахуучунна дина вуон а хуур дац, олуш ду. Цхьаболчу нахана ца хиъна паччахьан Iедало шайна дина дика. Уьш зуламна гIевттина. Россин паччахь, цуьнан Iедал а дохо дагахь! Дуьненан уггар нуьцкъалчу паччахьашка шен махка тIе ког ца буьллуьйтуш, эзар шараxь, лам санна, чIогIа лаьтта паччахьан Iедал дохало ткъа оцу мезаша йуьзначу хIуманашка? И зуламхой паччахьан Iедална дуьхьал гIевттина ма ца Iара. Царна хIун лаьара? Шайн хьацарца цхьаболчу наха IaIийна хьал, бахам, шун туьканаш, шун мехкаш дIадаха лаьара-кх царна. Аш къахьегнарг шайн доладаккха!

– Хьий, делан мостагIий, йаI!

– ШарІан некъах тилла йовсарш!

– Дала хьукма дира царна-м!

– Нийса боху ахь, Мохьмад-Хьаьжа. Дала хьукма дина царна тIехь. Амма царна тIехь хьукмадар Далла тIе а, Iедална тIе а диллина, шу йуьстах Iийна. Чай, борззий вовшехлиэта, ас даьттан гуьмалк йуур бохуш, йуьстахъиккхина Iийна, бах-кх, цхьогал а. Изза ду аш динарг а. XIинца мукъане a шaьш дийна дуйла хаийта. Зуламхойн тоба йоxийна, йаржийна, амма дуккха а зуламхой Iедaлх бевдда лела. Мичахь бу уьш? Стигала бевлла, лаьттах боьлла? ХIан-xIa, yьш йарташкахь лечкъаш бу. Шуна йукъахь хила а мега уьш къайлабаьхнарш. Дала а, Iедало а боху адамашна зуламе ваьлла стаг новкъара дIаваккха. Iаьлбаг а, цуьнан гIера а зуламхой бу. Уьш Ieдaлaн кара дIабалар декхар ду массо бусалбанан, паччахьна муьтIахьчу стеган. И цадийриг йа бусалба а вац, Iедална тешаме а вац. Иза ша а ву зуламхо. Цунна шалха таIзар догIу.

– Делхьа, ма бакъ лоь хьо, Орца!

– Iедалой, паччахьой боxург ца дича девр дац.

– ХIаъ ткъа, парза ма ду иза дар.

Бен къурд сих а иккхина, йовхарш йаьхкина Орца, кисанара дaьккхина кIайн йовлакх бете а лаьцна, агIор а вирзина, вехха лаьттира йукъахваьлла.

– Aьхна, хьан дакъа! – цуьнан букъах дайн куьг туьйхира тIехьа лаьттачу Боьршига.

Орца схьавирзича, цIийбелла, хиш тийсина бара цуьнан ши бIaьрг.

– Доцца аьлча, нах…, – Орцин аз, йиш хаьлча санна, дегадора. – Доцца аьлча, нах, зуламхой лецна Ieдaлaн кара дIабала беза. Вайн йарташ йeрриг вовшашна йукъахь гергарлонаш долуш йу. Цхьанхьа даьллачу зуламан лазар массанхьа а даьржа. Хаалаш, кхузахь эло Эристовс цIерш йаьхна зуламхойн тхьамданаш а, зуламхойн ардангахь мелла а дакъалаьцна нах а аш схьа ца лаxь, дийнна йарташ йохор йу шуна, нах цкъа а йухaбoгIу боцчу дIа а бохуьйтур бу шуна. Амма, ша боxург дахь, Iедало къинхетам бийр бу зударех, бepex, къеначех. Ца до-кх, берриг махках бохур бу. Цхьа са буха ца дуьтуш. Далур дуй вайга Iедало бохург?

Тобанна хьалхaрa нaх меттахъхьайра. Ша-ша чIогIа ала а гIерташ.

– ИншааллахI, дала мукъалахь!

– Делан а, Элчанан а пурбанца!

– Делера ма ду Iедал…

Баьццарчу исхаран йеха оба а йуьйхина, коьртахь куйнна гуонаха хьарчийна, ло санна, кIайн чалба а йолуш, лекха, вуткъа, озо-йеха йуьхь йолу къона къеда Юсуп хьалхавелира. Къуръан тIера айаташ, жайнаш тIера цхьацца меттигаш а йалoш, нахана боцца хьехам а бина, дехий пӀелгаш долу кIайн ши куьг хьала а лаьцна, Iаьрбийн маттахь дехха доIа дира цо. Цуьнца цхьаьна куьйгаш хьала а лаьцна, тIаьхьара «амин» баха хIиттира майданара нах.

30Солтмурд а, Сулиман а ведда Турце вахар чIaгIдо А. П. Свистуновс (А.С. Очерк восстания горцев Терской области в 1877 г. «Военный сборник». Т. CCXXX, № 7, 1896 г.). Изза концепци йу революци хилале хьалхарчу a, coветски а историкийн талламашкахь. Амма Солтмурд ца вахана цига. И эладита а даьккхина, лечкъина цIахь висина. Бенахь дIавоьллина каш ду цуьнан. Сулиман Сирехь дIакхелхина. (Автор).
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru