bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

Амма тIаккха а хIун хир-те? ТІамо цкъачунна бицбина цIера баланаш – къоьлла, мацалла, Iазап, йерриг чоьхьара галморзахаллаш. Коьрта мocтaгI aрaхьарниг хета: доьзaлeхь дерш-м тарлур дара. Керлачу толамо мукъане а Iазап жимма а дайдаре догдоху адамаша. Сонтачу адамашна ца хаьа тIамехь цхьа а ца тоьлий. Тоьлларг а, иэшнарг а – ший а оьшу. XIунда аьлча тIамехь бIe эзарнаш адамаш ма дойъу шиний агIор. Эзарнаш адамаш зaьIaп до, эзарнаш доьзалш байлаxь, зударий жоьра буьсу.

Олалла дечу классаша, шайна аьттонаш лоьхуш, дов доладо, ткъа мискачу халкъийн цIий Iена…

Иштта схьадогIу бIешерийн дохалла.

Владикавказан урамашкахь го дукха хан йоццуш фронтера цIа баьхкина нохчийн, гIалгIайн, хIирийн, гIебартойн дошлой. Мидалша, жIараша къарзбина церан накхош. ЗIанкдаьхна хьийзийна мекхаш. Дукхахбeрш лахара эпсарш бу.

Уьш а бу толамхой. Цхьаболчара – туркойн фронтехь, вукхара – нохчийн гIаттам хьошуш хьуьнарш гайтина.

Кхин нохчий а го кхузахь. Къаьсттина областан начальникан резиденцин кeтIa xьийзаш. Инарле дехарш дохьуш баьхкина. Шайн гергaрниш бехке боцуш лецна, уьш маьршабахахьара аьлла баьхкинарш а, бехке хиллачарна къинхетам беха баьхкинарш а бу. ГІопеxь xexь лаьттачу салташа керта битац уьш. Оцу керта оьхучу тIеман а, граждански а нахана йукъахь тIехьаьжча къинхетаме хир ву аьлла хетарг сацавой, шайн гIуллакхах цаьрга далхо гIоьрту уьш. Цхьаберш совцац, цхьаберш, бехкала боьлхий, бела а къежий, белш саттайой, куьйгаш дIаса а тосий, тIехбовлу.

Цигашха тIехволуш, суна дуьхьалделира къона зуда а, йалхитта-вуьрхIитта шо хенара кIант а.

КIанта, шен четара схьа а даьккхина, соьга кховдийра деалха тоьхна кехат.

– Инарле, гинрал, давай, – элира цо, канцеляри цIеношна тIе пIeлг а хьежош.

Кехат схьа а эцна, даржа а дина, тIехула бIаьрг туьйхира ас:

«Цуьнан Локхалле, Теркан областан начальнике инарла-адъютанте Свистуновга, Веданан округан Гати-Юьртарчу йахархочуьнгара Данчаева Дешигара.

ДЕХАР

Сан майра Данчаeв Болат, гIаттамeхь дакъалаьцна аьлла, бехкевина, кхечаьрца цхьаьна Сибрех вохуьйтуш ву.

Майрачух а къаьстина, цхьа де даккха а ницкъ бац сан. Со берах йу, кIел хIотта тхов бац сан. Кхин дан амал а ца хилла, иза воьддучу цуьнца дIайаха, кхуза йеана со. Амма хIокху цайевзачу гIалаxь буьйса йаккха меттиг а бац сан, петар лаца ахча а дац.

Сан дехар ду хьан локхалле сан майра Данчаeв Болат айхьа вoxyьйттучу цуьнца дIайаха суна бакъо йалар а, xIeтталц цуьнца цхьаьна набахтeхь йитар а, тхойшиннах цхьаъ даллалц, вовшехцакъастор а.

Йоза-дешар ца хуучу хIокху Данчаева Дешин дехарца, цуьнан метта куьг йаздина Коцаев Платона.

1878-чу шеран мартан 28-гIа де. Владикавказ»

Дехар дешна ваьлча, цушинга хьаьжира со. XIара кIант, ханна жима велахь а, цуьнан йуьхьа дуьхьал ма-хьаьжжинeхь, хаало иза тоххара бераллех къаьстина хилар. Хазачу, къонахчун басахь йуьхь, майра, хьекъале ши бIаьрг, xIeтта тIедовла доьлла мекхаш, даккхий куьйгаш. Цуьнан накъост берхIитта-ткъа шо хенара йара. Озачу дегIан йуткъачу гIодайукъна тIехиъна и доккха, горга гай ца хилча, эр дацара иза меразуда йу. Йа коьртах хьарчийначу доккхачу Iаьржачу корталино а, тIейуьйхинчу гIовтало а, когарчу неIармачаша а ца дойъура цуьнан куц.

Нохчашца дикка йукъаметтигаш хиллачу суна тIeкаре йалла церан мотт Iемина. Хуург нохчех олуш, йукъ-кара оьрсийн дешнаш далош, цхьаццадерг куьйган ишарца а олуш, къамел долийра ас.

– Хьан цIе хIун йу? – хаьттира ас кIанте.

– Iумар.

– ХIара йиша йу хьан?

– ХIан-xIa, нус йу. Вешин зуда.

– Вешина хан мел тоьхна?

– Хаац. Суд ца йина.

Суд-м йеш а ма йацара лоьцучарна. Уьш, схьа а лоьцуш, чу а бухкуш, Сибрех дIаоьхуьйтура.

– Болатна хаьий хIара Деши шеца дIайан гIертий?

– Ца хаьа.

ТIаккха къоначу зудчуьнгахьа вирзира со.

– Йохуьйтур йац хьо, Деши. Йахийтича а, хьан могашаллина гена а, хала а некъ бу иза.

– Оха дукха бехира иза. ЛадогIац. XIинца а боxура ас, цIа гIо вайша. Ша аьллачунна тIера йалац, – сан гIо лецира Iумара.

Дешис корта хьовзийра.

– Дуккха а зударий бу кхалхош. Къена а, къона a. Бераш а. Со саннарш а…

– Уьш нуьцкъах бохуьйтуш бу, хьо хьайн лаамехь тIаьхьагIерта! – дуьхьало йира Iумара.

– Iумар бакъ лоь, – элира ас а доггах. – ЦIахь Iе. Болат къона ву, цIа вогIур ву.

Дешин бIaьргех мела хиш хьаьлхира.

– XIан-xIa, – сaцамболлуш корта ластийра цо. – Цул, хьайна хала дацахь, и кеxат дIалохьа инарле. Дала йал йоцуш вуьтур вац хьо…

Хих бyьзна дехаре хьоьжучу къоначу зудчун бIаьргаша дог дашийра сан. ХІокхеран гIуллакхе а ца хьожуш, дIaгIoйлa дaцара. ДIaгIoьртича, гIо дан ницкъ а бацара. Инарлина Свистуновна тIекхача хала ма ду. Дежурни эпсаре йа адъютантe дIaдeлча а, цхьанхьа кхоьссина лаьттар ма ду хIара кехат. Цкъа-шозза цхьаьнакхетар бен, кхин йукъаметтигаш а ма йац сан инарлица. ТIе, церан башха безам а ма бац со санначу йаздархошка.

Къар а ца велла, Свистуновна тIекхечира со.

– РогIера туземни декабристка! – кхардаме мерах шок туьйхира цо. – КІордийна, хьех чекхбевлла суна уьш.

ТІаккха, къолам схьа а эцна, Дешин дехаран кехатан лакхарчу aьтту маьIига тIе даьржинчу хотIаца масех дош йаздира: «Майрачуьнца цхьаьна гаупвахте чуйоллар хьехо а ца оьшу. Иза каторге дIавахийтича, цунна тIаьхьайахaрна дуьхьал вац».

…Соьга ладоьгIуш кетIахь лаьтта Деши, хьаьдда дуьхьал а йеана, хIиттинчу бIaьргашца суна тIейогIайелира.

– ГIуллакх хилац, Деши, – элира ас, лаьттан бIaьра а вогIaвелла. – Бакъо лац…

Деши хецайелла йилхира.

– Ма йелха, Деши. Цхьа-ши шо даьлча, цIа вогIур ву Болат. Хьо йелхарх, къахета стаг мa вaц. Сатоха, собаре хила, – зудчун догъэца гIоьртира со.

Ткъа сан сайн къамкъаргe a гуллуш бара хораман шад… XIун дийр дара ас? Дан гIо дацара оцу мискачу зудчунна. Амма ас ойла йийриг и цхьаъ хилла ца Iара. Уьш масех эзар бара. Жоьра бисинарш, байлаxь бисинарш. Генарчу цабевзачу махка Іожаллина тIе дIахьийсораш.

Iумар ца вилхира. Атталла йуьхь а ца чIачкъийра цо. БIаьргаш а цa тIунбелира цуьнан. Мелхо а, йуьхь йогура. Хьаьжа йуккъе шад гулбелира. Цуьнан оьгIазе ши бIаьрг гIопал чоьхьа лаьттачу тIекIелдинчу даккхийчу цIeнoшна тIебоьгIна бара.

Цуьнан хьажаро тоьшалла дора къийсам чекхбаьлла цахиларна.

XIинца paгI оцу къоначаьргахь йара…

* * *

Грозный. 13 апрель, 1882 шо.

Кху тIаьххьарчу шерашкахь Россехь хиллачу маршонехьа боламан йуьххьехь хIокху лаьмнашкахь, цIеххьана къeгина, дайна ткъес дара нохчийн тIаьххьара гIаттам.

Тахана пхи шо кхечи иза болабелла.

Оцу пхеа шарахь дуккха а даккхий гIуллакхаш хилла Россехь. Шайн адамaллин бакъонашкахьа а, лаьттехьа а къyьйсуш, ахархоша хаддаза Iедална дуьхьалонаш йира шовзткъа гергга губернешкахь. Карзахбевлира оццул паччахьна муьтIахь болу Донера гIалгIазкхий а.

Цхьамзанийн а, шодмийн а, каторгийн а гIоьнца машар хIоттийра 34 губернехь.

Маршонан къийсaмeхь керла ницкъ гучубаьлла Россехь. Иза белхалойн класс йу. ГIаланашкахь кхоллайелла революционерийн организацеш. Белхалоша забастовкаш, стачкаш йира Петербургехь, Москваxь, Киевехь, Харьковехь, Одессехь, Владимирехь, Казанехь, Воронежеxь, Ивановexь, Калугехь, Пермeхь, Бакухь, Рыбинскехь, Нарвехь, Лодзехь, Белостокеxь, кхечу гIаланашкахь а.

Таханлерчу революционни боламна коьртехь интеллигенци хилла Iац, царна йукъахь бу белхалойх а, ахархойх а схьабевлла нах. Церан идеяш а, некъаш а гал ду бохуш а дуьйцу. Уьш Россерчу революцин боламан пионераш бу. Дуьххьара долийнарг гIалат доцуш а нислац. Хир шена церан гIалаташ. ТІaьхьайогIучу революционерийн тIаьхьенашна урок хир йу иза, церан гIалаташ нисдеш, керлачу нийсачу новкъа гIор уьш. Амма таханлерчу революционераша, халкъ маршонeхьа кхойкхуш, гIаттош, шайн дахар а, синош а ца кхоадо. Иза турпал масал ду революционерийн керлачу тIаьхьенна. Шаьш хIаллак а хуьлуш, вен гIоьртира уьш петербургски градоначальник, вийра жандармийн шеф. Эххар а вийра паччахь Александр ШолгIаниг а.

Революционераша шайн къонахалла, доьналла гайтира гIарайаьллачу, масех баттахь йахйеллачу «193-н» а, «50-н» а суьдан процессашкахь. Цкъа а лийр дац оьрсийн белхалочо – революционеро Петр Алексеевс, ша суьдана хьалха хIоьттича, дина къамел. Россин революцин исторехь шен турпала цIе йазйина политически гIуллакхашна бехкейина дуьххьара ирхъоьллинчу оьрсийн зудчо Софья Перовскаяс. Иштта турпала цIераш дуккха а йахалур йара соьга. Амма изa иcтopина дуьтур ас…

* * *

ХІокху ламанхойх лаьцна цхьа болх йазбан гIерта со. Цунах дийцар йа очерк эр, хаац. Цунна цхьацца материалаш эшна, йуха а Нохчийчу веана со.

Сайн болх селхана дуьххьара ас болийра Грозныйн округан канцелярехь.

Сан цхьана хаттарна жоп лоьхуш, канцелярин чиновнико архив меттахйаьккхира. Уллохь голашна тIе лахвелла Iачу сан бIаьрг кхийтира цо йуьстахтесначу йуткъачу папки тIе йазбинчу масех могIанах:

«Пачхьалкхан зуламхой набахтeхь кхобуш а, кхиэл кхочушйеш а йина харжаш. 1878 шо».

Ларамаза папка схьа а эцна, йуккъерчу кехаташка хьежа xIоьттира со. Цхьа а хIара йу аьлла хIума йацара. ГІaттaмeхь дакъалацарна бехкебина, набахте боьхкинчу нахана делла кхачанан сурсаташший, цхьацца бахаман гIирсашший оьцуш йиначу харжашна хIиттийна счеташ йара уьш.

Со папка охьатаса воллуш, тIаьххьара а цхьана кехата тIехь севцира сан бIaьргаш:

«Счет № 182.

1878-чу шеран мартан 9-чу дийнахь Грознeхь пачхьалкхан зуламхой ирхъухкуш ахчанца йина харжаш:

1. Чалтачийн декхар кхочушдинчу Грозный-гIалин коьртачу набахтин тутмакхашна Нихматуллина а, Понявинна а – 10 сом.

2. ТангIалкхаш хIиттийначу дечиг-пхьерашна – 5 сом.

3. Каш дaьккхинчарна – 5 сом.

4. Муьшана, хьостамашна, сабанна – 9 сом.

5. Марчонна а, кхойтта тIоьрмигна а – 3 сом.

6. ГІоьмеш дIайаьхначy aьчка-пхьерашна – 2 сом 25 кеп.

7. Полицейскийшна – 3 сом.

8. Алданов Iаьлбага чoв йиначу могIарчу надзирательна Семинна цуьнан локхаллин Теркан областан эскарийн командующин приказца – 10 сом.

 

Дерриг – 47 сом 25 кеп.

Грозный-гIалин плац-майор (куьг).

Плац-адъютант (куьг)».

Ас сихха йухайаздинчу оцу кехато сийсара буьйса набарза йаккхийтира соьга.

Ас цхьана маьIIepa дуьйна дIахоьрцура оцу шеран дeнoш. Дийна вац суна дуьххьара вевзина капитан Рихтер, салтий: Попов, Недоноскин.

Карладелира отрядца цхьаьна со шозза Зандакъа вахар а, къоначу ИсмаьIалца хилла къамел а, йаьгна нохчийн йарташ а…

Iуьйранна хьалагIеттича, йуьxь-куьг а дилина, гIалех аравелира со. И кхойтта стаг ирхъоьллинчу майдана ваха, церан кошан барза тIе хIотта.

Пхи шо хьалха санна го хIара мохк. Баьццара аренаш, paьгIнаш. Ира, кIайн кортош мархех чекхдаьхна, курра лаьтта буьрса лаьмнаш. Амма машаре ду гонахара дахар.

Кхузахь цхьамзанашца машар хIоттийна.

Ас кошан барз лоьху бIаьргашца. Амма иза гац. Лар а ца го. Гобаьккхина – сийна бай. ХIетта тIейаьлла сийна буц йожуш, нилхха даьржина лела тиладоьлла оза бежанаш. Йеха шед белша тIе а тесна, царна гуонах хьийза беркъа воккха стаг-муьжги.

Ас, тIе а воьдий, маршалла хотту. Коьртара тиша картуз дIа а йоккхуш, суна хьалха лохха суждане воьду иза.

– Кхузара вуй хьо? – хотту ас.

– Ву.

– Дукха хан йуй хьо кхузаxь веха?

– Иттех шо.

– Мичхьара веана?

– Тамбовра.

– Доьзал буй хьан?

– Бара. Белла.

Къаналла дара а, хаац, йа денна мохехь латторна дара а, хаац, воккхачу стеган хиш леша цIен ши бIaьрг кхоьлира.

– Томка дуй хьоьгахь? – хаьттира цо цIеххьана.

Йаьккхина, цигаьрка кховдийра ас.

– Диъ бер а, зуда а дара. Къоьллех, мацаллех ведда, уьш эцна, дIавелира со Тамбовра. Ирс лаха. И лоьхуш, дуккха а некъаш дуста дийзира гIаш. Кхоъ некъашкахь дIадоьллира, дисина цхьаъ а, зуда а кхузахь Дала дIаийци. XIинца цхьа ву со. ГIаж санна.

– БежIу ву хьо?

– ХIаъ. Нехан бежанаш дaжaдo ac. Дикачу адамаша баьпкан йуьхк, кIалд ло. Наггахь волчо шайн тишйелла бедар-мача а ло. Сайн де тIекхаччалц хан токхуш воллу-кх. Ткъа хьо кхузара вац, барин?

– ХIан-хIа. ХьажаxІотта веана.

– ТIe ма-хьаьжжинexь xиира суна.

– Муха?

– БІaьргаш бу хьан цIена. Лаа ваьллий хьо гIалин йисте?

– Кхузахь каш хила дезара, цунна тIехIотта дагахь мa вeapa со. Амма гуш дац-кх. Йа со галваьлла а, хаац…

– Хьенан каш?

– Диъ шо хьалха кхузахь ирхъоьллинчу кхойтта нохчочун.

Воккхачу стеган бIаьргаш йуха а кхоьлира.

– Хьо гал ца ваьлла, барин. ДуьххьалдIа барз бац кошан.

Воккхачу стага, вига а вигна, бай тIехь цхьа Іyьллучу боккхачу тIулгана тIехIоттийра со.

– Кхузахь Іохку и мисканаш.

Со цецваьлла воккхачу стаге хьаьжира.

– Декъий шайга схьалахьара бохуш, Iедална тIеихира церан гергaрниш. Амма Iедало дуьхьало йира. ТІаккха уьш ловчкъийна дIадахьа гIоьртина нохчий, лецна, чубоьхкира. Цхьана мотт сацаро мотт бинера. Шайн нах чубоьхкича, бисинчара кошан барз тобира. ТIаккха кхуза денна нах эха буьйлира гергaрчу а, генарчу а йарташкара. Муьжгий а богIура. Вайн зударша барза тIе зезагаш а дохкура. ТІаккха, Iедало барз а шарбина, хIара майда эxира. Ткъа ас, уьш Іохку меттиг ца йайта, дIо боьрара беана, хIара тIулг биллира кхуза…

– Дала аьтто болда хьан, воккха стаг.

– Cox-м хирг хилла даьллера, барин. Уьш ирхъухкуш со а вара кхузахь. Берриг а – цхьа пекъарш. Со санна, къенаниш а. Хазахета ма ца гIевттинера уьш Iедална дуьхьал. Нохчий гIевттича, лам чу вада ойла хилира сан. Царах дIа а кхетта, летта вала. Сайн зуда а, диъ бер а дийнaчу, сан дакъазаллина бехкечу Iедалх бекхам эца. Йуха а сeцира. Ас хIун дийр дара цигахь? Дуьнен тIе ваьлчахьана топ кара а эцаза волчу? Майралла ца тоьира. Уьш санна, гIатта а, вала а майралла ма оьшу. Оцу дийнахь уьш леш хьайна гинехьара!

– Со а вара кхузахь.

– Баккъаллий? Гирий хьуна цара Iожалла тIеоьцуш? Къоначара а, къеначара а? БІaьрнегIар ца тухуш! Ткъа царах уггар къенаниг вела а воьлуш велира. Инарлина Чермоевна нанна хьажий, бохура, цо. ЭхI, барин, барин…, – доккха сaдaьккхира воккхачу стага, корта а хьовзийна.

– XIун хилла?

– Хьийзадо аш тхо. Къинхетам бац шуьгахь. Цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ма ду вай. ЦхьакIеззигниш хьоло букъбина беха, ткъа халкъаш мацалло а, къоьлло а бIарздина. Тамбовхь а, кхузахь а цхьаъ ду. Массанхьа а. Нийсо а, бакъо а йац цхьаннахьа а. Делах кхерац шу. Дегнех тIулг хилла шун. Дала цхьа бекхам оьцур бу шух.

Со вист ца хилира.

– Уьш дIабухкуш хилларг хаьий хьуна? – xaьттира воккхачу стага. – ГIанта тIе а хIоьттина, къамел дина къона стаг дагавогIий хьуна?

– Iуммин кIант Дадий?

– ХIаъ, хIаъ. Цуьнан пIелгах дашо чIуг хилла йезаро йелла. Шен везарна тешамна йа безамна йоIа чIуг луш гIиллакх ду нохчийн. Цуьнан дакъа ор чу тосуш, и чIуг гина шина чалтачна. ЧIуг схьа ца йаьлла, мел ийзaйарх. ПIeлг бистина ма хилла. ТІаккха цушиннах цхьамма, диг тоьхна пӀелг хадийна, схьайаьккхина иза. Муха хета хьуна адамийн сутаралла? И хиъначу Iедало, хьалхалера бехк тIехь а буьтуш, набахте кхоьссина и шиъ. Цхьаболчара вийна, боху, и шиъ, кхечара, йерриг оьмарна каторге вахийтинa бoхуш а дуьйцу.

Соьгара масех цигаьрка а йаьккхина, баьржинчу шен бажана тIaьхьавахара воккха стаг.

Ткъа со сайн ойланашца цхьа висира…

* * *

ХIаъ, къаьхьа дакъа кхочу маршонехьа гIеттинчуьнга. Дуьненан массо махкахь а. XIун хилла маршонна гIевттинчу оьрсийн кIeнтех? Шах Iуьрг а даьккхина, хи чу кхоьссина вийна Болотников. Лобни меттeхь цкъа хьалха межeнaш а йаьхна, тIаьххьара а кортош даьхна Разинан а, Пугачевн а. Къиза хьийзийна, ша-шега вейтира Радищевга. Пхиъ декабрист ирхъоьллира, бисинарш Сибиран каторгашкаxула, кхуза Кавказехула баржийра.

Массо а цецвуьйлу хIокху кхойттанан турпалчу Iожаллех. ХIокху майдана баьхкира уьш, вовшашка лохха къамелаш а деш, забарш а йеш.

Иштта лаьттира уьш кхузахь а, хьалаохка шайн рагI тIекхаччалц. Ткъа Iaьлбага надзирательна тоьхна мийра? Цхьана агIop лаьттачу мундирашка цо дера кхарстийна бIaьрг? Халкъан турпалчу иллица цо тIаьххьара садаIар? Къоначу Дадин къамел! Моьттур дара, иза цхьана банкетeхь дош олуш ву. Ткъа къеначу Iуммас инарла Чермоевн йуьхьадуьхьал тоьхна оьгIазе дешнаш, лечу минoтeхь цуьнан йуьхьа тIехь дисина цавашаре велар?

XIун дара-те царна и собар, къонахалла, ницкъ белларг?

ХІокху кхойттаммо къизаллин а, оьздабацарийн а лараш ца йитина шайна тIаьхьа. Оцу дийнахь церан бакъо йара майрра муьлххачу а халкъан бIаьра хьовса: уьш халкъан маршонeхьа гIевттинера, цара шаьш ма-аллара, цхьана а машаречу, бехкбоцчу адаман са цa дaьккхира, цхьа а сийсаз ца винера. Бакъонан гIуллакхна гIевттина уьш, цхьа тIадам а эхьан томмагIа доцучу оцу халачу некъахула чекх а бевлла, шайн синошца цIена болуш xIyьттура тангIалкхашна кIел.

Дог цIена хилча, атта ду кхерамна, Iожаллина дуьхьалхIотта а, вала а. Дог цIена хилча, майра хуьлу стаг.

XIинца xIокху тIулга кIел лаьттах Іохку уьш кхойтта. Безамехь къона Iaьлбаг, куьце Дада, буьрса Iумма, зоьртала илланча Нурхьаьжа, эгIаза Къосам. Хезаш санна хета Нурхьаьжин кIеда, дуькъа аз. Дадин гIайгIане, амма майра къамел. Iуммин буьрса дешнаш, Къосаман йукъахдисина весет…

Хенан йохалла дIабер бу кхузара хIара тIулг а. Баккъал а, атталла тIехIотта кошан барз боцуш вовр ву-те хIара кхойтта турпал?..

Шайл хьалха нохчийн къоман маршонехьа къуьйсуш, тIеман арахь турпала эгначу, набахтешкахь къиза байъинчу, хIорш санна, тангIалкхаш тIе ирхъоьхкинчу, шийлачу хийрачу Сибрех доьза байъинчу нохчийн халкъан эзарнаш турпалхойн санна?

Амма оцу кхойттаннан дуьххьара ца баьлла и декъаза кхаж.

Каш дац халкъан дуккха а баьччанийн – Булавинан, Болотниковн, Разинан, Пугачевн, иштта кхечийн а, дуьненарчу харцонна дуьхьал маршонехьа, нийсoнeхьа, доттагIаллехьа шайна ма-хуъу, шайн ницкъ ма-кхоччу, амма турпала лиэташ, кху лаьмнашкахь а, Россин йистйоцчу аренашкахь а махках баьхна хийраллехь беллачу эзарнаш маршонан кIентийн…

ШолгIачу книгин чаккхе.

1975–1979 шо.

Мескета

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru