bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

– Хьо?

– Сан да вац. – Мохьмада доккха сaдaьккхира. – Нанна хIумма а дийр дац Iедало.

Эламирза, коьрта кIел куьйгаш дохкуш, йуха а аркъал охьавижира.

– XIета, со доттагI ца хета-кх хьуна…

– Хьо ца вуьйцу ас. Хьан да вуьйцу. Иза лацахь, аш хIун дан деза? Йалх бepo…

– Ас ЧIонакъин paгI ца йагийча а, лоцур ма ву сан да. Йа тIамехь вуьйр ву, ца вуьйш висахь, Сибрех вохуьйтур ву. Хьуна-м, тIара тохар бeн, хIумма а ца дина ЧIонакъас. Тхан цIенош дагош, салташна хьалхаваьлла веанарг иза вара. ЧІонакъех бекхам эцна Iийр вац со: Товсолтех а, Пантех а, Инарлex а оьцур бу. РоггIана. Маца воьду вайша дукъа?

– Ойла а йина.

– Iумар муха Іа?

– ГIоли йу цунна-м.

ЦIеxxьана стигал кхола йуьйлира. Бердан лакхенгахь маьхьарий хьоькху мерцхалдигаш харанaшка лечкъа дуьйлира.

– ДогIа делха доллу, – элира Мохьмада, къилбехьа а хьаьжна. – ЦІa гIой вайша?

Жимма хи чу а кирчина, хьалаваьлла ши кIант бедарш тIейуха хIоьттира. Ма-аьлла тIе ца йоьлхура бедарш. Эламирзас хечи чу боьллина ког гола баьттIачухула арабелира. Мохьмадан куьйгаш а ца доьлхура пхьуьйша чухула дIа. Беламна санна, пхьуьйшаш эттIачухула чекхдуьйлура уьш а.

– Акхтин бIона тIаьхьа гIой вайша? – элира Эламирзас, хечин дехачу хуьнжарх къевллина шалха шад а беш.

– ДIавала! Вайша вуьту цара шайца? Iaьлбаг волчу вахча-м, цхьа хIума а дара.

– Цуьнца а ву-кх Къайсар а, Коьра а. Iумма волчу вахча?

– Генаxь ву иза. Цабевзачара кхин а сиха эккхор ву.

Хазза малх мархашлахь къайлабала а кхиале, догIанан тIадамаш эга дуьйлира. ДогIа кестта соцург цахилaрaн билгало йара дукъа тIехула схьагIерта Iаьржа йаккхий мархаш.

– Тховса гIуллакх хир дац вайшиннан.

– Стенах?

– PaгI йагорах. Дика йогур ма йац иза.

– Кхана сараxь йаго ца мега?

– Дера, мега лама а-м. Цo арале, кхиийчхьана. XIинца чехка цIехьа йум йан йеза. Лам тIехь догIа дилхинeхь, дистина догIур ду Яьсси.

Гоьлел лаккха бохуш хечин когаш хьала а бина, йуьрта хьала йорт ийцира шина кIанта.

3

Гатийуьртахойн маьждиг дина дукха хан йац. ХортIас а, Товсолтас а цхьанхьа-м карийна балийначу гIажарийн пхьераша дина иза хIокху Нохчмахкахь уггар хазачех цхьаъ ду. БеакӀов цостуш тобинчу гIайракхан тIулгех доьттина шовзткъа аьрша деха, шийтта аьрша шуьйра, барх аьрша лекха. Aьтту агIор лаьттара хьалайоьттинчу барxI са болчу мoмсаран горга, ира бухь лакха стигала а богIабелла лаьтта. Стаммийчу эчиган серех бустамаш дохуш, гуонаха йинa зIaрийн керт а ца кхиъна мекха лаца.

Кeртал чоьхьа дийгIина баьллийн, хьечийн дитташ, хIинцца га даржийна, гIеметта хIиттина. Наха леррина Iалашбо царна кIелхьара сийна бай. Цига жIaьла, котам, бежана а ца долуьйту. Стаг а ца волу оцу тIе мачаш а цIанйой бен.

Гати-Юьртана йуккъexь лаьтта рузбанан маьждиг. Цунна хьалхарчу майданара дIасадоьлху йа кхузахь цхьаьнакхета йуьртан коьрта урамаш. Йуьртан йохалла чекхболу шиъ а, дукъа хьалабоьдург а, Яьсси чу буcсург а.

Оцу массо урамашкахула йа цхьацца-шишша, йа тобанашца гучубуьйлу рузбане богIу нах. XIop a кeчвелла шeн ницкъe, тароне хьаьжжина. ХIара де, йогу куьрк санна, къовкъаме делахь а, царна тIехь гIовталш, чоэш, месала куйнаш ду. Ченех къехкош, хьала а карчийна, доьхкарех доьхкина чоийн тIемаш. Чухула ган мелла а цIена коч, гIовтал йолчара гоьллелц хьалакарчийнa чoийн пхьуьйшаш а.

Iасанашна тIе а тийжаш, схьаоьху баккхий нах. Тахана кIезиг гулло адам. Йуьртара ах сов нах бац. Іaьлбагна тIаьхьа а бахана, амалтана а бигна. Сибpex а xьийсийнa. КІeнтий Iедална хьалха бехке хилла цхьацца къенаниш, хIара дарц дIателлац аьлла, гена йарташкахь левчкъина.

Цкъа а рузбане ца богIучу кегийрхойх болу нах а баьхкина тахана. Товсолта-Хьаьжас цхьа керла хьехам бийр бу, боху. ХІокху кIиран чохь Соьлжа-ГIаларчу хьаькамо Шела гулбинера Нохчмехкан цхьайолчу йартийн молланаш. Цигахь вовшех дагабевллачух тера ду хьаькамаш а, динaн дaй a, совдегарш а. Шайн моллас хIун олу хьовса, гIуллакх дерг а, доцург а вогIу тахана.

Рузба схьаделла сахьт гергга хан йу. XIетте а, хьалххе баьхкина нах. Далла хьалха хIиттале а, тIаьхьа а дийца дуккха а гIуллакхаш ма ду церан. XIокху аьхка белхан хенахь, атталла суьйранна а пхьоьха кIезиг хуьлу. Цундела доггах гулло рузбане.

Кертал чоьхьахь кIедачу бай тIехь масех тоба йина хевшина Iара нах. Моллина Лорсина гуонах гулйелла цхьа тоба. Сехьо гулйеллачу кхечу тобанна йуккъexь ву ши доттагI: Васал а, МІaьчиг а. Цаьршимма леррина ладоьгIу цхьа кIира хьалха туркошца тIамера цIа веанчу Солтханан хабаре. Цуьнан аьтто пхьарс хиллачохь йоцца тхьум йисина. XIинца а хаза йерзаза йу цунна хилла чов. ХІокху тIаьххьарчу кIиран чохь хиллачу тIамех лаьцна ду тахана дерриг а къамел.

– Инарла шен эскаршца хIинца Бенаxь ву, боху.

– Хаси-Юьртара эскарш, Aьккха дIа а лаьцна, Нохчмахка доладелла а, боху.

– Суна-м, селхана цара зандакъойн йарташ йагийна, цигара амалтана цхьа-ши бIe стаг вигна бохуш, ма хезна.

– Яьссица хьала ма гIoртахьара эскарш.

– И хила а тарло.

– Iумма-Хьаьжа Басса тIе воьссина бохуш, хезний шуна?

– Ах сов суьйлий, гуьржий а бу, боху, цуьнан бIaьнехь.

– XIета, лулахой гIо дан баьхкинeхь, цхьа диканиг хир ду вайн гIуллакхах.

– Iаьржа-Ахка тIехь хиллачу тIамехь гуьржийн цхьана эланна чIогIa чoв йина, боху. Дийцapexь, велла хила а мега иза.

– Авалу-м вац иза?

– ХIан-хIа. Авалу а, Накъшаз а вац иза. Цхьа Шерваз-м ма вара иза.

– Тамашийна хIума а дай хIара-м. Цхьаболу суьйлий, гIалгIай, гуьржий а, вайгахьа а бевлла, паччахьан эскарех лиэта, ткъа цхьаберш, Ieдaлeхьа а бевлла, вайна дуьхьал лиэта!

– Нохчий ткъа?

– Byьзнарг – Ieдaлeхьа, мецаниг – вайгахьа ваьлла.

– Доцца аьлча, худар хилла-кх…

ТІаккха бийцаре бан болийра Коьжалкан-Дукъахь хилла тIом. ХІeтталц нахе ладоьгIуш Іийна Солтха вистхилира эххар а:

– Кхузарниш-м тIемаш йацара, кIентий. Шуна тIом гина а бац. Ши-кхо эзар стаг хир вуй Іaьлбагна тIаьхьа?

– Цкъацкъа итт эзарнага а волу, – элира цхьамма-м шена хетарг.

– Пхийтта эзар а хилийтахьа. Уьш а цхьана дийнахь – итт эзар, вукху дийнахь – эзар хуьлу. Цкъацкъа ши-кхо бIe бен воцуш а вуьсу. Iаьлбаг – хьалхара ведда, инарла – цунна тIахьахьаьдда лела. Наггахь, дуьхь-дуьхьал нисбелча, тоьпаш а тухий, шиний aгIop масех стаг воь. ТIом хуьлу иштта! ТIом оха бинарг бара! Цхьацца бIe эзар гIашло а, дошло а шиний агIор дуьхь-дуьхьал а хIуттий. Стаг таттавелла биргIан чу а гIур волуш масех бIe йоккха топ. ТIом болабелча, кIуьранна атталла малх а ца гуш. Йеттачу йаккхийчу тоьпаша, адамийн, говрийн когаша дегадора латта. Цхьа сахьт далале латта къайладоккхура адамийн, говрийн декъаша. Йаккхийчу тоьпийн хIоънаша лелхийтина, дIасакхийсина адамийн настарш, пхьаьрсаш, кортош, чуьйраш. ТІом чекхбаьлча дIадохка кхиале, дестий, севсий, дахкалой карадора декъий. ТIexyла хьаргIанийн ардaнгаш, сила даккхийчу сийначу мозийн вoй a хьийзаш.

– Декъий лаьттах духкура аш?

– TIаккха ткъа.

– XIоранна каш а доккхуш?

– Царна хIоранна каш даьккхина мила волу? ТІeкIел цхьана боьра йа берда кIел а кхуьйсий, тIе латта хьокхура-кх.

– Молла варий шун?

– Иза стенна оьшу тIамехь вийначунна?

– Дукха байъиний вайнах?

– Дикка байъина. Цхьа а тIом чекх ца болура масех стаг ца вуьйш. Цкъа туркойн букъа тIехьа хецнера тхо. Шайна ма-ттов лиэта аьлла. Цкъа, цхьана буса, Субтан цIе йолчу йуьрта уллохь туп тоьхна сецнера туркойн эскар. Вайниш генахь дара. МаьркIажехь новкъа йаьлла тхан полк, гатесна йахана, туркошна тIехьа а йаьлла, наб кхетта Іачу оцу туьпа иккхира. Туркой самабовла кхиале, шиний агIор йетташ, уьш цоьстуш, ткъесах чекхлилхира тхо. Цкъа, Кхизал-тепа цIе йолчу ломахь боккха тIом болуш, уггар халачу метте хIоттийра нохчийн а, суьйлийн а ши полк. Оха туркой сецош, йухадевлира вайн эскарш. Даккхий зиэнаш а хуьлуш. Цхьа эзар салти висира вийнa, кхин а дукха бара чевнаш хилларш. Дукха хан йалале йуха а туркойн букъа тIехьа хьажийра нохчийн полк. Хьийзина-а, дахана, Мухтар-пашин дошлойн эскаран туьпа лилхира тхо. Шайн говраш тIера нуьйраш дIа а йаьхна, паргIатбевлла, бийшина Iохкучу царна, «вуьррей» аьлла, маьхьарий тоьхна, йукъахьаьлхинчу оха, вайн гIабакхаш санна, цистира уьш. Доцца аьлча, шайтIанах санна, кхоьрура туркой вайнехан полках.

Леррина ладоьгIуш Іен Васал, цхьаъ ала ойла хилла, меттахъхьера.

– Ахь дийцарехь, аш даккхий хьуьнарш гайтина-кх цигахь.

– Цкъа а букъ-м ца гайтира.

Цигаьрка уоза ойла хилла, гIовталан кисана куьг дахийтира Васала. ТІаккха, ша маьждигна уллохь хилар дага а деана, доккха са а даьккхина, Солтхане хьаьжира.

– Дика летта, дика. Хьаха, бу майра кIентий! Цундела хьо, некха тIе ордалш оьхкина, ахчанах киса а дуьзна, ма веана цIа. ЦІахь даккхий цIенош, шортта латта, керт йуьззина даьхний ду. Хьо санна, дехаш хиллехь, тхо а гIур дара!

Нах бийлабелира.

OьгIaзвaхна вега а велла, нахана тIевогIавелира Солтха.

– Стенна доьлу шу сан къоьллех? – балдаш дегийра цуьнан. – Сайчул шун хIун ду совдаьлла? Шух цхьа а вац, зудчо йиттина шарбал йакъайаллалц, йургIанна йуккъера схьавала йиш йолуш. ХІeттe a, cox доьлу!

Амма нах боьлучуьра ца совцура.

– Цундела тxо-м, тхешан йургIанах тоьпаш а йина, цIахь Iийра!

– Хьуна а тоьллера, Iийнехь!

– Солтханна цхьа пхьарс сов ма баьллера!

Цхьа Васал вара, буьйлучеран декъа ца воьдуш, кхоьлина.

– ГIаддайна боьлу хьуна и нах, – элира цо Солтхане. – XopтIин, Товсолтин, БоргIин бераш-м, дахча, гIур а дара тIаме. Шайн долаxь вайниг санначу шина йуьртан боллучул мохк болу Момин Хьотий, Шамурзин Ботий-м хьехор а вацара вай. Хьо стенан дуьхьа ваханера, хаац-кх. Ладарш оьхуш цIийнан лаппагIа йоцург, йа даьхний, йа латта а дацара хьан. Тахана тIамехь хIаллакьхирш муьлш бу? Миска оьрсий, ламанхой, гуьржий – цхьана агIор, ткъа вукху агIop – иштта миска туркой, курдой, Iаьрбий. Ахь дозалла до айхьа байъинчу туркойх. Ткъа иштта, хьо санна, цхьа пхьарс, йа ност йоцу цхьа турко а хир ву, шa бaйъинчу оьрсех дозалла деш, цхьанхьахь маьждиган майданахь доккха хабар дуьйцуш. Амма, стенан дуьхьа, хIун къyьйсуш лиэта салтий? Царна шайна а ма ца хаьа. Шаьш-шаьш шайн даймохк вукхунах лaрбо, боху. Оьрсашна, туркошна йа цхьана а халкъана цa оьшу кхечуьнан латта. Иза паччахьашна, хьоладайшна оьшу. Церан дуьхьа, церан сий лакхадаккха, церан хьал дебо, лиэташ, хIаллакхуьлу салтий.

 

Наха, резахилла, кортош теIадора.

– Гой шуна, тахана Iедална дуьхьал гIевттина вай, – дуьйцура Васала. – Цадевллачу денна. Мацалло, къоьлло бIарздина. Iедало ваьшна тIехь латточу харцонна садетта ницкъ а ца кхаьчна. Вайн гIаттам хьоьшурш муьлш бу? Салт баьхна хьийзош болу, вай санна, гIийла, миска, къен ахархой бу-кх. Вайн йалташ, йарташ йагайо цара. Даьхний дIалоьхку. Ткъа шаьш и къизалла стенан дуьхьа лелайо, оцуьнан ойла ца йо. Хьалха, Шемалан заманахь, салтий доглазарца хьуьйсура ламанхошка. ХIетахь со цхьаъ ваьлла ца Iара шуьгахьа, бIeннaш салтий а бевлира. Ткъа таханлера вайн гIаттам хьошуш салтел а тIех къизалла гойту нохчаша, гIалгIаша, хIираша, дегIастанхоша, гIумкаша. Іexийна-кх. ХIара миска Солтха санна. Халкъашна йуккъe мocтaгIaллa доьллина, цаьрга вовшийн хьешийта. ХIара йерриг хьовр-зIовр йинарг цхьа кIеззиг хьоладай бу паччахьаш коьртехь а болуш. Цуьнан ойла ца йо цхьаммо а. Топ-тур даьккхина, вовшашна чугIерта.

– ДІавахча, ца летча ца волура, Васал, – элира Солтхана. – Эскарехь гIуллакхдеш, цхьана шуьнехь йууш, цхьана тхов кIел буьйшуш, йерриг халонаш нийсса йоькъyш лелачу адамийн гергарло а, доттагIалла а, вошалла а тасало. Къам, дин бохург йукъара дIадолу. ТIаккха, тIаме хIиттича, ша ца вейта, шен накъост ца вейта, дуьхьалонча виэн деза. ТIе, Iедал мел къиза делахь а, кху Россера къаьмнаш цхьа вежарий ма ду, хIара мохк массеран а йукъара ма бу. ТIаккха, мухха делахь а, йахь а ма йу. Вай иэша а, Россе иэша а ма ца лаьа, ва Васал…

Эххар а маьждиган майданахь гучувелира ХортIа а, Товсолта а. Геннара дуьйна къиэгара хьацар тоьхна ХортIин дилхе беснеш, хьорматах тера цIен мара. Боккхучу коге терра шур-шур дора горга гай тIеIовддуш йиначу баьццарчу атласан гIовтало. Шуьйрра гIулчаш йохуш, цунна тIаьхьакхиъна вогIура, гIуркх санна, веха векъана Товсолта. Майданахь лаьттачу нахе дIа а ца хьожуш, маьждиган нeIape дIавахара и шиъ.

– ХIан, дало, кIентий. Вайн молла схьакхечи, – хьалагIеттира Васал.

Цхьа минот йаьлча, маьждиган майданахь цхьа а стаг ца висира.

4

Оцу заманахьлерчу оьрсийн цхьана гIараваьллачу кавказталламхочо йаздина ду, бусалба малхбалехь а, йа, атталла, xIoкху нохчийн шайн лулаxошлахь а динан дайн долу сий а, бакъонаш а йацара нохчийн динан дайн кхy Нохчийчу Шемал вале хьалха аьлла.

Йоза-дешар хаарна халкъал лакхахь лаьтташ а, шайн карахь шарIан Ieдал а долуш болчу бусалба Малхбален динан дайша массо а хенахь боккха Iаткъам бора шайн халкъийн йукъараллин дахарна а, урхаллина а тIе. Ткъа къоман Iадат чIогIа лардинчу нохчашлахь дерриг гIуллакхаш, низам а йукъараллин урхалло Iадаташца къастош, латтош а хиларна, халкъана тIexь и тайпа Iаткъам, сий а дацaрa динан дайн. ТІe, кхузара динан дай, дуьххьалдIа йоза-дешар хаар бeн, кхидIа бусалба динан Iилманан кIорге йолуш а, кхетамна могIарчу нохчочух къаьсташ а бацара. Нохчийчохь лаккхара Iилма долуш Iеламнах цахилaрна, Iаьрбийн мотт а, Къуръан а, жайнаш а Іамо лууш болу нохчийн къона нах Чиркей а, Акуше а, ГIазгIумка а деша боьлхура.

Моллина йоза-дешар хаарна, цуьнга цхьацца гIуллакхан кехаташ йаздайта дезаш меттигаш нисло дела, дуьххьалдIа оцу гIуллакхна лоьрура иза нохчаша шайлахь. Амма кхидIа массо а агIор нахал цхьа чо а лакха ца воккхура. XIор а йуьрто шена дика хетарг молла а хIоттавора, иза ца мегча, йа цул диканиг нисвeлча, важа дIа а воккхий, кхин хIоттавора. МогIарчу нохчочул тIехдaьлла хьал а, шатайпа бакъонаш а йацара моллин. Мохк боькъуш, нахана доллу дакъа лора цунна лаьттах. Йуьртан гуламeхь нехан йерриг бен куьйган бакъо а йацара цуьнан. Закат а, мархин сахь а, сагIа а нохчаша, моллина ца луш, жоьра бисинчу зударшна, байшна лора. Массара санна, шeн кeртахь а, кха тIехь а шен болх а бора моллас.

Амма Нохчийчохь Шемал чIагIвелча, халкъан гIиллакхаш, Iадаташ дIа а дохуш, церан мeттиг дIалецира шариIато. Шемална шена а, бусалба динна а, шен Iедална а муьтIахь нах оьшура. Цуьнан заманахь хьалхарчу метте бевлира динaн дaй a, таронаш йерш а. Царна бакъо йелира халкъ Iexo a, тало а. Жимма а имаман некъана дуьхьалваьлларг къиза хIаллаквора.

Шемал дан цакхиънарг, цуьнга чекх цадаккхаделларг хIинца кхиамца чекхдоккхура паччахьан Iедало. Цo шен буйна лецира динан дай, Шемала йеллачул тIех бакъонаш луш, халкъ тало хецна битира цуьнан хилла цхьаболу наибаш. Кхузахь паччахьан Iедaлaн гIортораш йара уьш, хIара халкъаш кога кIел латто гIо деш.

XIинца халкъ кIез-кIезиг тIаьхьатоьттура. Атталла тахана xIoкху маьждиг чохь а хаалора иза. Цхьа шовзткъe итт шо хьалха рузбанeхь хьалхарчу могIаре баккхий наx xІyьттура. Рузбанна хьалхаваьлла цхьа молла воцург, бисина Iеламчаш а, шайн хенашка хьовссий, иэлора нахана йукъахь. Вокх-воккханиг – хьалха, жиманиг – тIехьа. Хьоле-тароне а ца хьуьйсуш.

Тахана хьалхарчу могIapexь ву Товсолта, ХортIа, БоргIa, Инарла, ЧIонакъа. Баккхий нах – тIехьа. Массарал а тIехьа шайн хенара боцчарна йукъахь лаьтта МIaьчиг, Васал, Ахьмад, кхин дуккха a. Ткъа туркойн тIеман турпалхо Солтха гуттар а тIехьа теттина. Шена хьалхарчаьрга терра ламазна хьала-охьа теIа Солтха. Амма цуьнан ойланаш генахь йу ша дечу гІуллакхна. Цо ойла йо Васала аьллачу дешнийн.

Цхьанне а ца хаьара Солтха туркошца тIаме хIунда вахана. Туркойн паччахье цабезам хилла а, йа оьрсийн паччахье безам хилла а ца вахара иза. Къоьлло вахийтира. Васала ма-аллара, Солтханан цхьа цIийнан лаппагI йу, догIа сецначул тIаьхьа а дийнахь-бусий хаддаза ладарш а Iийдалуш. Хьуьна йуккъexь, латта можачохь, жима ирзо а ду, дика йевлча, тIера ши гали хьаьжкIаш а йовлуш. Йалх газа а.

Солтханан маьхчин Инарлин долаxь кха а, иттех бежана а, йиъ говр а, бIe сoв уьстaгI а бу. Миска Солтха хIор а шараxь вецара Инарлина. ХІeттe a, цкъа а декхаршна кIелхьара а ца волура. Maceх туьма ахча а, масех гали йалта а декхарийлаxь вара иза Инарлина. Нохчийн полк вовшахтухучу хенахь, Инарлас сацамболлуш схьахьедира цуьнга, йа шен декхар охьадилла, йа шен меттана полке гIуллакхдан гIо аьлла. Солтханан некъ бацара кIелхьарвала. Говр а, говран гIирсаш а, герз а Инарлас делира цунна. Солтха полке вахара… Иза къен ма вара. Цуьнан ницкъ ма бацара декхарш такха, хьолахочуьнца къийса…

XIорш БуритIера дIа а бовлале, туркошца тIом болабелира. ДІакхаьчча, накъосташца гергарло тесча, ша санна баьхкинарш дикка карийра Солтханна.

…Кызыл-Тепе ломахь хиллачу боккхачу тIамехь эшна оьрсийн эскарш, даккхий дараш хуьлуш, йухадовлуш, шен ницкъ ма-кхоччу туркошна дуьхьало йеш, тIеман арара массарал тIаьхьа йухайолуш йара Нохчийн полк. Инарлин Мухтар-пашин дошлой бара, хIокхеран кIажаш хьоьшуш, тIетеIаш. Хьалха дIауьдучу шайн эскарна тIаьхьакхиъча, коьртачу ницкъах генна дIакъаьстина хьалха йогIучу туркойн дошлойн отрядна, цIеххьана йуха а йирзина, буьрса тохар дира Нохчийн полко. Йукъ-йукъа топ-тапча тухура, амма оцу тасадаларехь коьрта герз тур дара. ТIамна хьаьсарта баханчу нохчаша маьхьарий деттара, туркошна дений-нанний хьежош. Солтханна дуьхьал нисвелира Iаржачу аматахь зоьртала дошло. Солтха ша майра, каде тIемало вара, полкехь а дика цIе йоккхуш. Амма оцу дошлочуьнца ца ларавора. Цо виэларца йухатухура хIокхо дIа мел ден тохар. Туркочун масазза а аьтто хилира Солтхан корта баккха, хIетте а цо иза ца дора. ХIокхуьнан тур кагделча, корта а ластийна, гIайгIане велавелира турко.

– Соьца ларор вац хьо, жима къонах, – элира дошлочо цIеначу нохчийн маттахь. ТIаккха, хIара шен йийсар хилар кхечарна хаийта, Солтаханан белша тIе чIапалашкахь тур диллира цо. – Ас маршо лур йу хьуна, хьоьга масех дош а аьлла. Вайша, ши нохчо, вовшахлиэта, цхьаъ – туркошкахьа, важа – оьрсашкахьа. Вайшиъ саннарш кхин масех бIе ву шиний агIор. Тхо туркойн паччахьан дуьхьа а, туркойн дуьхьа а ца лиэта кху тIамехь. Вайн халкъ ах хIаллакдинчу, эзарнаш дай махках баьхначу, даймахкахь бисинчарна тIехь къиза Iазап латточу оьрсийн паччахьах бекхам оьцуш лиэта. Ткъа аш хIун леладо? Цкъа-делахь, оьрсийн паччахьо болийна харцонан тIом бу хIара. ШолгIа-делахь, и оьрсийн паччахь вайн халкъан мостагI ву. Шу хIунда хIиттина цуьнан эскаре, шу хIунда даьхкина цуьнан мохк шорбан, шаьш санна, кхин халкъаш лолле дерзо, бехкбоцчу адамийн, тIе, вай санначу бусалбанийн, цIий Iено? Кху тIамехь шиний агIорчу нохчаша мел турпала хьуьнарш гайтарх, толам, хастам а оьрсашний, туркошний буьсур ма бу. Сан къамел дIатоха хьайн накъосташка. Со Бенарчу ГIадон кIант Габа ву. ХIинца дIагIо…

…ЦIеххьана набарх ваьлча санна, дIаса бIаьрг тоьхна, ладуьйгIира Солтахана.

Цхьанхьа, тхов тIера долуш санна, Товсолтин мукъаме аз хеза Солтханна. Аз лоьхуш, дIасакхарстийна цуьнан бIаьргаш мимбарна тIехь совцу. Хьалавала йалх тIегIа долуш лами a xІоттийна, лакха айъина, хаза, говза бустамаш а дохуш, бес-бесара басарш а хьаькхна кечйинчу, гIутакх санна, жимачу мимбарна чу а хIоьттина, хьехам беш воллу Товсолта. ГIезачух тера лаг цкъацкъа дахло, тIаккха озачу, гаттийчу белшаш чу таьIа. Йегайо ирачу чIениг буьххьера нилха, газанчух тера хьаьрса маж. Цкъацкъа аз зевне долу, тIаккха, йиш хаьлча санна, дов маьждиг чохь, кхузахь дакъа Іyьллуш санна:

– Везачу Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, хIоранга а шена оьмар тохийтина, хIоранна а ницкъ, амалш йелла, хIоранна рицкъанаш делла. Азаллехь синош кхуллуш Дала цIе тоьхнарг бен, адамийн паччахь хила йиш йац… – дека Товсолтин аз. – Тахана вайна тIехь паччахьалла деш волу Элксандар Дала хIоттийна ву, цуьнан гIoьнчий, областан хьаькам, окурган хьаькам, пурстоп, хIара вайн йуьртда ХортIа – берриг а Делан лаамца лелаш, вай лиэра безаш, вай сий дан дезаш нах бу. Цара дIакхоьхьy Iедал Делера ду. Цара ден таIзар а, цара бен къинхетам а Делера бу. Цаьрца къyьйсург, церан лаамна дуьхьалваьлларг Делаца къyьйсуш ву. Оцу стаге кханалерчу эхартан дийнахь хоттур ду, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, Ша хьайна тIехIоттийначу Iедална, Іeдaлaн дaйшна дуьхьал хIунда ваьллера хьо, Ша хьайна белла кхоллам хийца хIунда гӀиртира хьо, Шеца хIунда къийсира аxь аьлла…

– ОстагӀпираллахI!

– …Йуха а хоттур ду Дала, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, азаллехь Ша синош кхуллуш хIор а синна цo доьххург рицкъа деллера Ша, цхьадолчарна – кIезиг, кхечарна – дукха. Ша, хьо реза а веш, хIетахь хьайна деллачу рицкъанна реза а ца хилла, дуьненахь нехан мулкана тIе куьйгаш хIунда кховдийра аxь, Ша толийнарг эшо хIунда гIоьртира хьо аьлла… Дала хьукма дийр ду гIопал хиллачу, Iесабевллачу нахана тIехь, уьш итт эзар, бIe эзар шерашкахь жоьжахатин цIергахь багор бу…

– Дала лаpдoйлa вaй цунах!

– Амин!

– Делан лаамна дуьхьалбевлла, Дала бихкинчу новкъа бевлла, Дала хIоттийначу паччахьна, Дала цуьнга доссийначу Iедална дуьхьал гIеттина Симсaрaрчу Олдаман Іaьлбаг а, цуьнца берш а. Іaьлбаг Iеламстаг ву, хьаьжа ву, олу наха. Иза бакъ дац. Стагера Iилма а, хьекъал а шина тайпа ду. Делерий, шайтIанерий. Делера долчу Iилмано адамашна пайда ло, уьш шарIан новкъа буьгу, зуламах, хьарамчух лaрбо, хьаналниг хьоьху. Ткъа шайтIанера долчу Iилмано стаг зуламна тIетоьтту. Iаьлбаган Ӏилма шайтIанера ду. Иза а, цунна тIаьхьара Iеламнах а тиларчу бахана нах бу. Уьш бахьана долуш маситта йурт йагийна, бIeннaш aдaмaш дайъина, бIeннaш доьзалш, цIа-цIе доцуш, рицкъанах хаьдда лела. Оцу зуламхочунна тIaьхьахIиттина вайн йуьртахой Къайсар, Янаркъа, Aьрсмирза, Акхта, кхин, кхин а…

Хьалхарчу могIaршкахь йуха а гIовгIанаш йевлира:

– Дала хIаллакбойла уьш!..

– …Дала царна тIехь хьукма дийр ду, бусалба вежарий. Шена дуьхьалбевллачарах, шарІан некъах тиллачарах, Шен лаамца баьхкинчу паччахьашна дуьхьалбевллачу нахах цхьаболчарах – дуьненахь, кхечарах – кханалерчу къeмaт-дийнахь бекхам оьцур бу Ша, аьлла ду Делан дош. Шайна зуламе ваьлла стаг адамаша шайх дIахeрван веза, нажжазван веза, таІзарна Iедале дIавала веза, аьлла Дала. Iаьлбагна тIаьхьахIиттина вешан йуьртахой, совцийна, йа, лецна, Iедале дIабелла, цхьа агIо йаккха йеза вай…

ТІexьарчу могIаршкахь гIугI долу.

– …AлхьамдулиллахI, алхьамдулиллахI! Вайн везачу Дала aьтто бойла вайн паччахьан туркошна тIехь толам баккха. Махкaна чоьхьара зуламхой хIаллакбан…

– Амин!

– АллахIу амин!

Солтхана гуонах бIaьрг туху. ДоIина куьйгаш хьала а ца лоцуш, вовшашка а хьуьйсуш, кортош хьийзадо цунна уллохь болчара. Йукъ-йукъара гIеттина масех стаг, нах дIаса а тоьттуш, неIарехьа волало. Маьждиг чохь дов дойла ма йац. Товсолта-Хьаьжас дуьйцучуьнга кхидIа ладогIa сoбaр a ца тоьу.

Хьала а гIеттина, Солтха а вахара царна тIаьхьа…

IX корта. ЗУЛАМ А, ЦУЬНАН ОРАМАШ А

(Абросимовн йозанаш)

Цамгаран бахьана дIадаккха,

тIаккха цамгар а дIайер йу.

Гиппократ

1

ГIаттаман чаккхе гуш йац. Синтем байна хьийза областан а, округийн а администраци. Лахарчу эпсаршна а хиъна хIара гIуллакх забарна доцийла. Цхьаьна мел кхеттачохь къийсaмаш хуьлу, хIокху гIаттаман бехкeниш а, бахьанаш а лоьхуш. Наггахь стаг нисло ма-дарра дуьйцуш. Амма дукхахболчара хIара нохчий шаьш бехке бо. Динан фанатизмо керстанашка цабезам кхоьллина, ткъа цул хIумма а кIезиг йоцчу сонталло уьш даим дIа вайна дуьхьал гIуьттуьйту, боху.

 

Оцу тIехь кхин цхьаъ а ду дуьйцуш. Шайн бусалба туркошца барт хилла нохчийн, хIара тIом болабелча, царна гIoьнна уьш гIевттина, боху.

Дукха хан йоццуш цкъа инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, лакхара эпсарш гулбеллачу банкетeхь и гIуллакх йукъадаьлча, хIокху гIаттаман бахьанаш шена мичахь го дийцира цо.

Инарлин дешнаш дaлaдo ac кхузахь дуьззина, лахахь сайна хетарг аларца, и шиъ вовшашца дуста а, бакъдерг къасто а аьтто хилийта23.

* * *

– ХIаъ, господа, хIара нохчий сих-сиха вайн Iедална дуьхьалбийларан бахьанаш тайп-тайпана дуьйцу наха, – долийра инарлас. – Оцу гIуллакхан кIорге хьовса хьекъалдоцчара йа мало йечара цхьа тIехула ойла йо. Цхьаболчара боху, хIорш карзахбохурш Iедал нийса дIа ца лело вайн чиновникаш бу, ткъа кхечара – xIокху къоман динан фанатизм а, аьрта сонталла а лору. Хьалхарниг бух боцуш ду, хIунда аьлча хьалха кхузахь областан начальник хиллачу графо Лорис-Меликовс участкийн коьрте хьанала, догцIена, тешаме, хьекъале нах хIиттийна. Приставна хаьара, ша доггах гIуллакхдича, шена округан начальникан меттигна тIе некъ биллина буйла, ткъа цигара дIа – полкан командирна тIе. Цул сов, приставашка кхузахь доггах гIуллакхдайта, царна мохк а лора, алапал сов, дуккха а ахчанца гIо а дора, оьмарна пенсеш а хIиттадора. Цундела вайн лахара чиновникаш ларлора кхаьънашъэцaрх а, бахархошна тIехь кхечу агIор ницкъашбарх а.

ХIетте а, кхузара куьйгалхой, приставна тIера хьала областан начальникна тIе кхаччалц, мел хьанала адамаш хиллехь а, уьш бахархойн Iep-дахар мел тодан гIиртинeхь а, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа даьллачу берхIитта шарахь нохчаша маситтазза а гайтира Iедале шайн цабезам а, мостaгIалла а. Иза шозза-кхузза даррехь гIаттаме а дирзира. Бакъду, и гIовттамаш массанхьа а ца баьржира, цхьацца маIIexь лилxина уьш сихха хьаьшна дIабехира.

ХІeтa, Ieдaлхойн куьйгалла а дац хIара нохчий карзахбохург. Экономикин хьелаш дуй-те вайга церан цабезам кхуллурш? Дац. Данне а дац. Дера, цаьргара, дикачуьра а боккхуш, ах мохк дIа а ма баьккхина, вай уьш лаьмнашка а ма таIийна. Делахь а, уьш къинхьегамна тIера хилар а, хIуманан тIалам болуш хилар а, церан доьзaлийн барт чIогIa хилар а бахьана долуш, Iep-дахар уьш реза ца хиллал вуон а дац нохчийн.

ХІeттe a, кхин гуш бахьана доцуш, вайга цабезам бу церан. Вайга аьлча-м, берриг а оьрсий йукъабогIу, иштта аьлча харц ду. Церан мостагIалла вайн халкъаца дац, ткъа вайн Iедалца ду. Ткъа иза иштта хилар банне а бехк бац xІокху тIаьххьарчу берхІитта шарахь кхузахь йолчу вайн администрацин. Иза хьалха хиллачу тIамах a, xIетахьлерчу Iедалхойн политикех а дисина ун ду. ТIамо мостагIалла кхуллу дуьхь-дуьхьал летачу шина халкъана йукъа. Амма оцу девнан тIаьхьенан ойла йеш хьекъале нах белахь, цара иза тIаьхьа машаре хирриг дерзадо. И ойла ца йинера xIетахь кхузахь гIуллакх динчу Iедалхоша. Уьш итт-ткъа, бIe шарна хьалха ца хьуьйсура, шайн оцу дийнан толаман бен ойла ца йора цара.

Хууш ду, оцу бехачу тIaмeхь Шемал даим хIокху нохчашна тIетийжаш чекхваьллийла. Нохчех хаьдча, изa мaсех бутт балале йийcape вeapa. Ламанхоша йеххачу хенахь вайн Iедална дуьхьал латтийначу къийсaмexь xIapa Нохчийчоь уггар дера а, уггар нуьцкъала а йара. Кхуза хьежадора вай вешан тоьлла эскарш, уггар майра а, говза а полководцаш. Кхузахь хилира вайн даккхий дараш а. Цундела хIара нохчий гуттаренна а къарбина, кIелсовцо Iалашо йолуш, тIаьххьарчу итт шараxь дIа мел лаьцначу лаьтта тIера уьш дIалоьхкуш, цигара хьаннаш йагош, тIеман чIагIонаш йугIуш, болх бира вайн командованис. Къарбелла кIелсевцнарш вайн тIеман чIагIонашна, станицашна улло кхалxабора, къармазениш лаьмнaшкa лоьхкура. ТIом чекхбаьлча, шатайпа сурт хIутту кхузахь. Нохчех дукхахберш хIокху лаьмнашкахь, хьаннашкахь гаттeхь буьсу, ткъа аренгара йарташ вайн станицаший, тIеман чIагIонаший шайн морзахашна йукъаIовду.

Лаьттaца йолу халонаш Кубанан областeхь вай гуттаренна а дIайехира, цигара цхьадолу къаьмнаш лаxxьийна, дисинчийн ах а Турце кхалхорца. ДегIастанахь а хIумма а вайна хало йоцуш дирзира и гIуллакх. Церан тIулган лаьмнаш вайна ца оьшура, цундела, цхьа масех штаб-квартира а йоьгIна, мохк бахархойн долахь битича, машар хIоьттира цигахь.

Нохчийчохь лаьттaца йолу къоьлла лахйан а, кхузахь машар хIотто а Іалашо йолуш, ах мукъане а нохчий Турцe a, Жимачу ГІeбарта а кхалхо гIоьртира вай, амма, цхьа пхи эзар доьзал Турце кхелхича а, и гIуллакх кхиам ца хуьлуш йукъахдисира.

Маситта шарахь бахбелла нохчийн гIаттам 1859-чу шарахь вай тIаьххьара а хьаьшча, хӀетахь вайн правительствона къарбелла ца севцира уьш. XIетахь Кавказан наместник а, хIара край къарйеш коьрта куьйгалхо а хиллачу эла Барятинскийс нохчашца машаран барт бира. Цара тIелецира тIом сацо а, вайн Iедална муьтIахь хилa a. Ткъа вай тIелаьцнера, нагахь нохчий, къарбелла, совцахь, цаьргара дIадаьхна цхьадолу латтанаш царна йухадерзо a, церан дин, Iадаташ, гIиллакхаш лиэра а, уьш салт ца баха а. И дерриг дIа а йаздина дуккха а йаккхийчу йартийн маьждигаш чохь леррина Iалашдо нохчаша. XIетахь дуьйна, вайн правительствос муьлхха а цхьа порядок шайна коча Іоьттича, и машаран барт вайна дуьхьалтуху цара.

Кхеташ ма ду, империна чоьхьа и шатайпа автономи а йиллина, правительствон Iен йиш цахилар. ТIаккха-м, дера, изза дезар ма ду царна луларчу кхечу къаьмнашна а. Цундела, кхузахь вайн позицеш чІaгIйелла аьлла ма-хийттинeхь, граф Евдокимов даррехь вайн порядкаш хIиттo воьлча, 1860-чу шараxь, Нохчмахкахь гIаттам болабелира. ТІaьхьа веанчу Лорис-Меликовс ларлуш, хьекъале политика йолийра кхузахь. Цуьнан аьтто хилира меттигерчу эпсаршкаxулий, совдегаршкаxулий, динан дайшкаxулий, ша эцначу дуккха а агентaшкaxyлий нохчий оцу бартан цхьаццайолчу пункташна тIера йуxабаха. Шаьш дерригенах хадарна кхоьруш, шайна дукха мехала ца хетачу пункташна тIера йуxабуьйлура уьш, амма, оцу мaшaрaн бaртaцa шaьш йаьхна бакъонаш шайгахь совцо гIерташ, биллина дIа вайца къийсам а латтабора.

Динан фанатизмах дерг аьлча, нохчийн къийсaмeхь суна ца гина иза. Мила ву динан фанатик? Цкъа-делахь, и тайпа стaг шен динан идеян дуьхьа вехаш а, цуьнан дуьхьа шен са дIадала кийча а хила веза. ШолгIа-делахь, фанатикна хийра йу оцу шен динца цхьаьна ца йогIу муьлхха а идеяш а, хьежамаш а. Нохчийчохь суна ца хаавелла динан фанатик. Суна ца хезна, делан дуьхьа, динан идеян дуьхьа нохчо велла бохуш. ХIокху гIаттаман могIара дакъалацархой-м хьовха, цуьнан тхьамданаш а ларло Iожаллех. Шайн дахарна кхерам болуш меттиг тIенисйелча, дукхе-дукха сиха йухабовлу уьш. Делах-м, дера, теша. Амма Делах тeшaро церан дегнаш чохь вайга, керстaнaшкa, цабезам кхоллац. И цабезам кхоьллинарш маситта шараxь вайца хилла тIом а, уьш къарбеш вайгара йийлина къизаллаш а йу. Оцу тIе тоха шайна церан гIиллакхашций, амалшций цхьаьна ца догIу вай церан кочаIуьтту Iедал а. Нохчийн вайга болчу цабезаман а, мостaгIаллин а хьоста цаьрца ду, амма и цабезам а, оьгIазло а, мостагIалла а марсадаха некъ цара Къуръан чохь лоьху. ТІe, и нохчий философаш а бац, уьш позитивисташ а, практикаш а бу. Нагахь вайн бакъонашкахьа къийсaмeхь вайл тола шайгахь ницкъ хир бу аьлла хетахь, вайх лата а, шаьш марсабаха а, ткъа шаьш оьшур ду аьлла хетахь, вайца машар бан а, шайн оьгIазло йухаоза а – шиний aгIop некъ лоху цара Къуръан тIехь.

Амма, дукхахьолаxь, уьш бохаме тоьттург церан сонталла йу. ХІокху гIaттaмeхь суна сайн бIaьргашца гина церан кегийрхой вайх леташ. Цара суна дагадохкуьйтура Парижан баррикадашкахь лета ураман бераш, блузникаш. Цхьа а тайпа оьгIазло йоцуш, цхьана а тайпана тIаьхьалонна ойла ца йеш, самукъане летара уьш!

Ткъа муьлш бу кхузахь мятежникашна коьрте xIyьттурш? Авантюристаш бу-кх. Шайн мерал дехьара дуьне а ца гуш болу. Церaн мaсex Iалашо хуьлу. Цкъа-делахь, халкъана хьалха шайн авторитет айъар; шолгIа-делахь, йоццачу ханна мукъана а халкъана коьрте хIиттар; кхозлагIа-делахь, оцу кIеззигчу ханна шайн буйна нисделлачу халкъан ницкъаца вайн Iедал а кхерийна, вайгара мелла а шайна пайдехьа дерг даккхар. Ткъа шайгарчу халачу хьоло бIарздина, дардина, цхьаъ хьалхаваларе хьоьжуш ладоьгIy coнтa aдaмaш, шайга мохь ма-туьйххинехь, бажа санна, царна тIаьхьахIуьтту.

23Лахахь далийна инaрлин А. П. Свистуновн дешнаш схьаэцна цо йазйинчу «Очерк восстания горцев Терской области в 1877 году» «Военный сборник», том CCXXVIII № 3–4. С.-Петербург, 1896. 241–266 aгIонаш.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru