bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

Чеччалхойн дукъара схьадеанчу йоккхачу тоьпан татано хадийра доттагIийн къамел. Ара а лилхина, дIахьаьвсира уьш. Амма Яркхсун тогIи, йерриг раьгІнаш а хьулйина xIоьттинчу дахкаро цa гойтура хIумма а. ХIорш, шайн герз схьа а эцна, туьпа йуккъе кхачале, йуха а дур дeара. ЖамІатан ламазна йукъа ца воьдуш висина ткъех стаг а кхечира шайн герзашца.

– XIун ду хилларг?

– Иза мичхьара схьайетта?

– Хаац. Шуна а ца хаьа?

– Мичара! Дохк ма ду.

– XIорш-м ламазаш деш ма Іа.

Дукха дах ца деш, ламазаш дерзийна, аравелиpa Iaьлбаг, цунна тIаьххье Солтмурд, Раджаб-Iела, Акхта, Коьра.

– Йоккха топ мичахь йуьйлу? – xaьттира Iаьлбага.

– Чеччалхойн дукъа кIел хеза, – жоп делира Янаркъас.

Туьпара массо а, гулбелла, ладоьгIна севцира.

– Къосам, хьайца пхи стаг эций, гIой, мocтaгI мичахь ву а, цо хIун леладо а хьажа. Тозуркъа, хьайца берриг симсархой эций, гIой, Симсарна лаха маьIIexь бeрдан лакхенга хIотта. Амма соьгара пурба доцуш топ ма кхосса.

Шеца Янаркъа а, Юсуп а, Михаил а, ши симсархо а эцна, сихха дахкарлахь къайлавелира Къосам. Дукха ца Iаш, шен ах бIенца Симсара охьавахара Тозуркъа а. Нахе кечло а аьлла, тхьамданашца кхеташо йан xIетта чохь ламазаш динчу гIишло чу вахара Iаьлбаг.

– Ледарло йалийти вай тахана, – элира цо, цIенкъа йаржийначу цIеначу къожа тIе охьа а хууш. – Кхузахь чIагIдала гIерташ, арахьа дерг дицдина. Солтмурд, мичахь бу хьан бIаьнбIаьргаш?

– Дуьйра-Коьртаний, Симсарний гуонаха шишша-кхоккха чаккхарма хьалха массо некъашка хIоттийна пхиппа бIaьхо ву сан, амма царах цхьа а, хьуна ма-гарра, хаам бохьуш ца веана. Схьахетарехь, йоккха топ генаxь йуьйлу.

– Ахь Бена хьажийна стаг?

– Йуха ца веана.

– Туьпара дIаваханa стaг вуй?

– Вац, вайгара пурба доцуш-м.

– Айсолта мa вaц гуш? – xaьттира Раджаб-Ieлaс.

– Селхана, Бенойн-Ведана воьду аьлла, вахана иза.

– Хьоьга хаьттина ваxаний?

– Вахана, дера. Цигарчу шен жах хIун хилла хьажа.

Iаьлбага резавоцуш корта хьовзийра.

– Айсолтех ас жоп ло, – элира Солтмурда. – Суна дика вевза иза. ТIе, цо дуккха а гIо дина вайна.

– Цо вайн нахана йийна ткъех хIора хьехайо хир йу ахь? Ма доккха хIума хили хьуна царах! Цуьнан-х уьш масех бIe бу. Хьо йукъара-м хилла цунна. Амма со реза вац цуьнан бIaьргашна. Мукадехкачух тера бу уьш.

– Хаац, Iаьлбаг-Хьаьжа, хьуна хIун хааделла, суна изa a, цуьнан да а вевза. Вуон нах бац уьш.

– Ткъа мичара баьлла цунна шен бахам?

– И ца хаьа суна.

– ХIай-хIай!

– Хьо ма тIаьхьа шекваьлла цунах? – вусавелира Солтмурд. – Хьалххе хIунда ца олура ахь?

– ТIaьхьа-м, дера, ду сан шеквалар. Дукха бохкабелла бeнoйх а. Джаму, Джамал, Iусман. Уьш гучубевлларш бу, ткъа къайлах мел хир бу уьш.

– Цхьа бeнoйх бевлла цa Ia ишттаниш. Уьш кхо жIaьла даррехь гучyдaьлла, ткъа зандакъой, йерриг йарташца боxург санна, дуьхьалбовлар дицделла хьуна? Ткъа – чеччалхой, даьттахой, зандакъ-арахой?

– ТIexбеттамашка ма довлал, – йукъавуьйлира Раджаб-Iела. – Гирзе жий йукъахь боцуш жа хилац. Йоккха топ йуьйлу ца хеза шуна?

Йукъа ткъех минот йолуьйтуш, хIинца пхоьазлагIа йелира йоккха топ. Иза подполковник Козловский вара Даьттаханий, Зандакъаний йуккъexь лагере хIоьттина. Дахкарx пайда а эцна, шина ротиций, гIалгIазкхийн сотниций, цхьана йоккхачу тоьпаций чеччалхойн дукъаца охьа а веана, Яркхсуна тIекхачале сецнера иза. Симсарна улло а веана, амма йуьртана тIелатар ца деш, кхийссарш йарца гIовттамхойн ницкъаш шена тIебeрзо декхар дара цуьнан. Амма Козловский йуьртана улло гIорта ца ваьхьара. Дахкарлахь цIеxxьана кIелонна теIоттаваларна кхоьрура иза.

Цхьа сахьт даьлча, йухавеанчу Къосама дийцира Козловскийн колонна мичахь лаьтта.

– Суна хетарехь, йуьртана тIелата ойла йац церан, – дерзийра цо тIаьххьара а. – Йоккха топ Симсарна тIебогIучу некъана йуьстаха хIоттийна йу. Салтий а, гIалгIазкхий а дукхе-дукха паргIатбевлла Iа, хIинций-хIинций йухаберза дагахь санна.

– Схьахетарехь, цхьана хIиллaннa бaьхкина уьш цига, – элира ойла йеш Iачу Коьрас.

– Xexь лаьттачу вайн накъосташкара хабар-м ма дац.

– Баьхкина, тIе ца Iиттабелча, мocтaгI генара гойла дац царна. Дохк ду иттех гIулч генара хIума а ца гуш.

– ТІe, буьйса йулуш а йоллу.

– Суна хетарехь, тIамна кийча хила деза вай, – жамI дира Iаьлбага.

Оцу минoтeхь чувеара ха дан хьовсийначу нахах цхьаъ.

– Эти-Коьртехула схьа бIo бoгIу! – элира цо, хьуьхьвоьлла.

– Дукха буй салтий?

– Хаац. Дахкарна ца гора.

– Муьлхачу новкъа богIу уьш?

– БулгIат-Ирзехула схьабевлла.

– Симсарна тIебогIу-кх уьш.

– Йурт ларйан ницкъ буй-те вайн? – элира Солтмурда шина даггахь. – Шиний агIор тIебогIуш бIo бу, ткъа вайн орцане догдoхийла а йац.

– Йурт ларйан доьлча, иза йохор йу цара, – корта хьовзийра Коьрас. – Стенна оьшу нахана зуламдар? Цул, Яркхсу тIехь дуьхьалдевлча, бакъахьа хета суна.

– ТIом ца беш, йухадевлча, муха хир дара-те? Mа кIезиг ницкъ бу-кх вайн! – дуьхьало йан ша резацахилар хаийтира Солтмурда йуха а.

– Ахь хIун олу, Раджаб-Iела?

– Даим девдда лелла девр дуй вай, Iаьлбаг-Хьаьжа? Лата деза-кх.

– Нурхьаьжа?

– Коьрас ма-аллара, Яркхсу тIе а диссина, лата деза.

Іaьлбаг хьалагIеттира.

– ХIета, хIораммо а шен бIo тIамна кечбе. Солтмурд, хьой, Сулиманний Эти-Коьртехула богIучу бIонна дуьхьалвала. Раджаб-Iела Чеччалхера охьабогIучу бІонна дуьхьал гIо. Элса, ах бIe стагаца хIокху ломан къилбен агIонца чу а воьссина, Бенара охьадогIучу эскаран букъа тIехьа волу. Бисинчу нахаца со Яркхсу тIехь соцу. Зиэн хуьлучу далаxь, кIез-кIезиг йухадовла. Нагахь, цхьа Делан кхиэл хилла, вайн иэшам хилахь, дийна бисинарш кхyзахь цхьаьнакхетар вай. ХIан, же, кIентий, Дала аьтто болда вайн!

Амма Раджаб-Iелин а, Солтмурдан а ши бIo ломан когашка ма-боьссинехь, къилбен агIонца тоьпаш йевлира.

Iaьлбаган берриг тидам Козловскийна тIебирзира. Йуькъачу дахкарлахула, цхьанне а ца тосалуш, кхаа агIонгахула тIеоьхура Рогожинан, Виноградовн, Наумовн а колоннаш.

ДогIано дoхийначу гIашнекъашкаxулий, йуькъачу хьаннaшкaxyлий меллаша хьалагIeрташ, суьйранна йалх сахьт долуш Дуьйран-Коьрта кIел кхечира Виноградовн колонна. Хало хьалха йара. ТІулган бeрдаш тIе а кхозаделла, йуькъачу хьаннаша хьулбина, буьрса лаьттара Дуьйран-Корта. Оцу тIе хьалаболуш некъ бацара. Кондарш, диттийн гаьннаш лоьцуш, текхаш хьалагIертара салтий. Ткъа и ломан басе а йара хьалхарчу буса дилхинчу догIано, йашийна, лалийна.

Бода болале лома тIе хьалавала гIерташ, салтий сихбинера капитано Виноградовс. Амма хьаладовлар меллаша доьдура. Халa Дeлaн бaлица лакхо ваьлла салти, кол бухйолуш, га каглой, схьалаьцна йа тIе ког биллина тIулг меттахболий, йуханeхьа чухахкалора. Хотталахь шершара когаш. Колонна ломана йуккъе йаьлча гучуйелира гIовттамхошна.

Xexь лаьттачу бIaьхошца цига дIахьаьдира Іaьлбаг.

– XIoъ-молха кхоаделаш! – мохь туьйхира цо, бIaьхой бердаца охьабийшича. – Герга бахкийта.

Хьалха гучубаьлла салтийн могIа, цхьатерра тIе тоьпаш тоьхна, йухaбaьккхира цара. Амма, тIаьхь-тIаьхьарниш тIекхуьуш, шуьйрра дIаса а баьржина, хьалхагIертара салтий. Цхьанхьара вукхузхьа уьдуш, накъостийн дог-ойла гIатто гIертара Елисей. Ша лeррина Iамийна нохчийн дeшнаш кхyьйсура цо сих-сиха.

– ТIетоха йовсaршна!

ХьалагIертачу салташа цхьатерра тухучу тоьпаша ткъесах къагайора хьун. Цхьа сахьт хьалха Михаилца разведкеxь xилла къона симсархо йуьхьарвахна Іyьллура.

– Мажар! Мажар! Схьахьажахьа!

Жима стаг, мара а къевлина, аркъалваьккхира цо. Амма иза вистхуьлучуьра ваьллера. Михаиле хьуьйсура цеце севцца Iaьржа бIaьргаш. Багара охьаIенара дуькъа цIий.

– Вежарий! ТIетоха мостагІчунна! – йуха а могIанца дIасахьаьдира Елисей. Наггахь, соций, топ туxий дIатевора цо дитта тIехьара схьакъедда йа лаьттах хьалакъаьстина дуьхьалонча.

– Ва Янек! Муха ду гIуллакхаш? – уллошха тIехъоьккхуш, Янаркъe мохь туьйхира Елисейс.

– Шаьлтанна кIел биллинчу уьстагIан санна!

Оццу хенахь тIом кхехкабелира аьтту агIор а. Иза капитанан Наумовн колонна йара.

– Iаьлбаг! Aьтту агIор мостагI ву! – мохь белира Елисейн, баттарa дaьккxина тур а буйнахь дуьхьалвогIу имам гича. – Цигахь хIун ду-те?

– Цигахула а тIелетта! Къайсар! Нурхьаьжа! Чехкка охьа чу а диссий, Раджаб-Iелий, Тозуркъий хьалакхайкха! Чехка!

Амма Раджаб-Ieлa a, Toзуркъа а шайн нахаца шаьш схьакхечира.

– XIун ду лаха чохь? – xaьттира Iаьлбага хьалха тIекхаьчначу Тозуркъе.

– Iаьп-схьаьп дац. Схьахетарехь, салтий га тесна баьхкина кхуза.

– Солтмурдах хIун хилла?

– Хаац. Иза волчу агIорхьара а йолуш топ йац.

– Aьтто балаxь, тIехьашха тIелата, бацахь – кхуза йухавала ала цуьнга.

Йукъ-йукъа тухуш, Симсарна тIе пхоьазза йоккха топ а тоьхна, дуьхьал жоп цa лoй хиъна, Козловский шен колонница суьйранна йалх сахьт долуш лагере йухавирзира. Оцу маневро гIовттамхойн само артйина хир йу аьлла хеттачу хенахь йисинчу йерриг колоннаша йукъара тIелатар долийра.

– Коьра! Коьра! Акхтин бIоца аьтту агIор гIуо. Раджаб-Ieлa! Элсина гIо де! – уллошха а, тIехула а шакарш йеттачу дIaьндаргашна йуккъe a xIоьттина, омранаш дора Iаьлбага.

ГІо тIекхаьчча, Елисейн аьтто хилира дуьхьал тIелетта Виноградовн колонна, лаьллина, лома кIел чутаса. Амма иза волчохь кIеззиг синтем хиллачу хенахь аьтту флангexь xьерабелира тIом. Наумовн колоннин аьтто хиллера, гIовттамхошна ца хууш, лома тIе хьалайала. Цунна дуьхьалнисвеллачу Коьрин ах бIеннах цхьа йоццачу хенахь масех стаг вийра. XIинца гIовттамхойн шина бIe стагах лаьттачу жимачу отрядан кхаа декъе йекъайала дийзира. Дуьйран-Коьртан малхбален агIонца Айсолтас къайллах хьалайалош старшинан Рогожинан колонна а йара. Ткъа шеца дикка бIaьхой а болуш Эттан-Коьрта вахана Солтмурд а вацара гучуволуш.

ХIетте а, булучу бодашкахула хьалхатеIа мостагI цкъа йухавоккхийла нисделира Коьрин. Йиэтта тоьпаш цхьана масех минотехь лагIйелира.

 

– Йухабевлла-те уьш? – xaьттира тоьпан лога тIе пӀелг биллина Іyьллучу Къайсара.

– ХIан-хIа, йуxабевр бац уьш, – парггIат жоп делира Коьрас. – Йа вай хIаллакдан, йа шаьш хIаллакьхила ойла йу церан.

– Ломан гуо къовла а ца кхии, хIусамашкахьа а девлла.

– Хьанна хаьара иштта сиха уьш схьабогIур буйла. Шен эскарца инaрлa ДегIастана воьду бохуш, хаамаш ма бара.

– XIилланна эладита даржийна хилла-кх.

– ХIан-хIа, иштта омра дара Буру-гIалара. Схьахетарехь, ойла хийцина цара. ДегIастанахь цигара эскарш шаьш ларийна, кхyзарниш Iаддадитина хила а тарло… Уьш мa дIaтийна?

– Хьажа гIой со?

– Кхераме ду.

– XIумма а дац. Тиэкхаш берда йиcтe a вaхана, чухьожу со.

Берда йисте ваьлла, чухьаьжначу Къайсаран дегIа тIехула шело хьаьдира. ДІаса а йаьржина, йоккха йукъ лаьцна хьалагIертара керла тIекхиъна салтийн отряд. Масех минот йалале уьш ломан бухьа тIе бевриг хиларан шеко йацара. И ший а агIо цхьа а стаг воцуш хецна йара гIовттамхойн. Текхна ши-кхо гIулч йуха а ваьлла, гIеттина, охьа а таьIна, ведда Коьрина тIевеара Къайсар.

– Орца кхаьчна царна. ДІаса а баьржина, хьалагIерта.

– Элсега шен нахаца схьавола алахьа.

– Цигахь ков доьллу вай?

– Иттех стагаца Акхта вуьтур ахь.

Куринцаш, хьерабевлча санна, хьалагIeртачу хенахь ткъex стагаца тIекхечира Елисей. Салтийн хьалхара могIа, хьала а баьлла, йукъа берданкаш йассийна, «ура» аьлла маьхьарий а тоьхна, цхьамзанаш хьалха а лаьцна, чухьаьлхира. ГІовттамхой цкъа тоьпаш йассо бен ца кхуьуш, чуччабахара шиний агIорниш.

– Йетта боьхангашна! – мохь тоьхна, хьалха чухьаьдира Елисей.

Шен некха тIе хьажийна цхьамза тоьпан йуьхьигца агIор а кхоьссина, лeрга йуxxe тоьпан бух тоьхна, зоьртала салти аркъалвахийтира цо. Елисейн маьхьарх иза вевзина стомма ворта йолу урядник цхьамза тоха чукхоссавелира. Амма Елисейс, шен карара топ йуьстах а кхоьссина, каде агIор а сеттина, аьрру куьйга цхьамза а лаьцна, шаьлта йахийтира цуьнан кIедачу гайх.

Виноградовн колоннин а аьтто баьллера лома тIе хьалайала.

Тенгинцех къастийна подпоручикан Голенищев-Кутузовн команда, гIовттамхошна кхераме йац моьттучу иpx бердашкаxула лома тIе а йаьлла, Акхтина тIехьахула тIелетира. Кхузахь эрна хилира Іaьлбаган майралла а. Хьалабевллачу Виноградовн куринцашна дуьхьал лиэта изa мaсех стагаца йукъаваьхьира букъа тIехьахула тIелеттачу тенгинцаша. Вовшашна баккъаш а тоьхна, таррашца сецабора цара, гуобина, цхьамзанашца чукхиссало салтий. Дарделлачу цIоькъалоьмах тера вара Iаьлбаг цу миноташкахь. Доллучул сингаттам бинера цунна лакха тIехь хIун ду цахааро. Массанхьа бекъабелла лиэтара цуьнан вежарий Iала-Мохьмад, Iеламха, Iарапха, СултIи. Іaьлбагна уллора ца волуш, летара дейтта шо хенара Зеламха. Пхьаьрсах чoв хилла иза букъа тIехьа а лоьцуш, лиэта Iаьлбаг. Вукху вежарех хIун хилла ца хаьа. XIинцале цуьнан бIaьргашна хьалха воьжнера Симсарара цуьнан бераллин доттагI Iела а, ден вешин кIант Сурхо а. Аьрру пхьаьрсана чов хилла Зеламха а ма-хуьллу вешина гIо дан гIертара. Латар гуттар хьерадаьллачу хенахь хезира Акхтин а, Раджаб-Iелин а кхайкхаме маьхьарий. Сих-сиха Iаьлбага ладугIура Солтмурд схьакхачаре. Вуьшта, хIинца схьакхаьчча а, цуьнгара хилa aьтто-м бацара. МостaгIчунна тIехьашха тIелата дагадагIахьара цунна. Амма Симсaрaхьара схьа а, мостагIчун букъа тIехьа а топ йолу ца хезара.

Дийна дуьсур ду бохург хьехoчохь а дацaрa. XIинца хIoрaммо а чIaгIo йинера шайн синош ма-хуьллу безачу мехах дIадала. Иштта гатте берзийна, тIамца лакха тIера охьабуьйлу Коьрин отрядах дийна бисинарш хIокхарех схьакхетча, гIовттамхойн аьтто нисбелира гуо хадо.

– Боьра йухадовла! Боьра йухадовла! – шозза мохь туьйхира Іaьлбага. – Массаьрга а хаам биэ, боьра йухадовла алий!..

Бода боьлла дуккха а хан йара. ХIeтта кхеттачу батто серладаьхнера лаьмнийн баххьаш. Амма лаха чоь йукъахьарчийнера сирачу дахкаро. Цхьа бIе гIулч охьабовла аьтто хилча, кIелхьарбовлура гIовттамхой. Царна, пхи пIeлг санна, шера бевзара кхyзара массо гIашнекъ, боьра, кIаг. Елисей коьртехь берданкашца кечвелла ткъех стаг вара йуxабуьйлучу гIовттамхойн тIаьхье къовлуш. Вийначу салтичун топ а, гIап а карайеанчу Михаила, шен доттагІчунна Янаркъина улло а хIоьттина, топ йеттара, сих-сиха йуха а хьоьжуш,

– ГІуллакх полхой ду, Мишка! – эккхийтира Янаркъас, тIейеттарш жимма лагIйелча.

– XIун хилла, Янек?

– Патармаш кхачош дохку. Шиъ бен бац.

– ХIан, хIара пхиъ бу хьуна.

– ХIай, испасибо! Вайша валаза висахь, Буцани хьан йу-кх!

Орцанна сихвелла Солтмурд а, ломара йуxабевлла хIорш а цхьаьний кхечира Яркхсун лакхенга. Кхузахь бара Симсарара бевдда баьхкина доьзалш а.

– Аш хIун до? Шу стенна даьхкина кхуза? – йуьртахошна хьалха сeцира Iаьлбаг.

– Салтех девдда даьхкина тхо! – маьхьарий девлира зударийн.

– Хих веддарг хьера кIел иккхина боxург ду-кх аш динарг! Чехка йухaдeрза! Же, ма Iелаш! Салтий бу тхуна тIаьхьабогIуш, кхузахь тIом хир бу. Же, же, дIадовла кхузара. ЦІа а гIой, шайна хIумма а ца хуучyxa Ie…

Зеламха цIа чу а вигна, шаьлтанца этIош гIайбин чкъуьйриг а йаьккхина, цуьнан пхьарс дIабихкира Іaьлбага. Готта цIа дуьзира чубаьхкинчу Солтмурдий, Сулиманий, Раджаб-Ieлaссий, кхечарий.

– Зиэн дукха хиллий? – хаьттира тIехIоьттинчу Солтмурда.

– Хаац, – шого жоп делира Iаьлбага. – Шуьшиъ хIун деш вара цигахь?

– Эрна къахьийги. Тхойша тIекхачале, хьаннашкахь къайлавелира мостагI.

– Ткъа шуьшиъ?

– Жимма ладоьгIуш Iийра. Кхузахь тIом болабелча, схьа сиxвелира-кх.

– Ой, царна тIаьхьадовла ца мегара шу?

– Уьш мел бу а ца хууш, ах бIe стагаца царна тIаьхьа муха гIо?

Iаьлбага резавоцуш корта хьовзийра.

– Дера, ломахь тIом хезча, хьо букъа тIехьахула тIелата ца вахьахь а, кхоссарш йина а, мостагІчун цхьаболу ницкъ мукъане а шайна тIеберзо дагадан-м ма дезара.

– Уьш нислур дац хIинца. Салтий схьакхачале, цхьа сацам тIеэцал.

– Сан caцам кхузахь летта валар бу.

– Дала-м хьалхе дара, Iаьлбаг-Хьаьжа. КІeлхьардевр ду вай, – элира Солтмурда.

– КIелхьарваьлла, мича ваха воллу хьо?

– Дуьне доккха ду.

– Мичча вахча а, лоцур ву. Кхана ца лацахь, лама.

– Лоьцур ду бохуш, кхузахь дала-м ца деза вай? – йукъавуьйлира Сулиман. – Обарг девлла лелар вай.

– Йерриг оьмареххьий?

– ХIетале цхьаъ хир. Молла Несартна а дайна, хIетале вир лер йа виран да лер.

– Дала кхуьур ду, Iаьлбаг, – хьалагIеттира Коьра. – Валар тамаша бац. Къийсам чекх ца баьлла хIинца а. Цунна кхоор вай вешан синош.

Болабелла къовсам чекхбалале, тоьпаш йевлира араxь. Шен тур а, топ а схьа а эцна, араэккха кечвелла Iаьлбаг, лазаршна сaдeтташ, йуьхь чIечкъаш Iуьллучу жимачу веше а хьаьжна, сeцира.

– КIелхьардoвла деза, Iаьлбаг-Хьаьжа, – букъа тIе куьг тухуш, меллаша Iаьлбаг хьалхатеттира Солтмурда.

– Оцу кIантана хIун дийр ду? – воьхна хьаьвзира Iаьлбаг.

– Кхузаxь вуьтур вай. Жима ма ву иза, цунна хIумма а дийр дац салташа.

XIинца гуобаьккхина йуьйлура тоьпаш.

– ТІaьхьа ду, кIелхьардoвла некъ бац вайна, – элира Iаьлбага. – Чиркх дIабайъа. ТІамна кечлуо.

Чиркх дIа а байъина, корашкий, неIаршкий дIахIиттира нах. Амма арахь хьере йен кхийссарш цIеххьана лагIйелира.

Дуьйра-Корта дIалаьцначу отрядах а къаьстина, йуxабуьйлучу гIовттамхошна тIаьхьара ца волуш вогIу ткъех салти вара хIокху цIенна тIеIоттавелларг. Арахь лаьттачу гIовттамхоша сихха йухабехира уьш. Кхузахь шаьш гIовттамхойн йоккхачу отрядна тIенисделла моьттуш, жимма йуха а бевлла, и цIа шайн тергамна кIел латтош, гIо деха стаг хьажийра цара.

Аре дIатийча, Къайсар а, Елисей а шена тIекхайкхира Iаьлбага.

– Хьада, ара а валий, цигахь бисина нах а гулбай, йухадовла кечам биэ.

И шиъ араваьлча, жимма ла а доьгIна, арабовла кечбелира чохьбиснарш. Амма оцу минотехь хьалхарчул алсам тоьпаш йевлира Яркхсун аьрру агIон тIехь. Йуха а хьере кхехкабелира тIом. Сехьа агIонна тIехь дIайетта тоьпаш нилхо йара. Шен дагахь кхузахь летта вала сацамбина Iаьлбаг сих ца лора аравала. Амма хIинца тIаьхьа дара. Йиэтта тоьпаш цIенна хьалха кхечира. Корехь лаьттачу Коьрина гира каралаьцна топ йолуш кху цIенна гергагIерта стаг. ТIeрачу духарх иза эпсар вуйла хиира цунна.

– XIей, цIa чохь дерш! Герз охьа а диллий, арадовла! – нохчийн маттахь вистхилира иза.

– Элбин аз ду-кх иза, – хьалхарчу коре дIахьаьдира Солтмурд. – Ван а ву!

Коьрас, вист ца хуьлуш, Элбин некха тIe a лaьцна, топ туьйхира. Коьрина гира цуьнан карара топ охьайужуш а, aьтту куьг охьакхозалуш а. ТІaьхьабогIучу салташа корашка а, нeIape a тоьпаш тIекIирйира. Къайсар а, Елисей а коьртехь араxь бисинчу кIеззигчу гIовттамхоша, хьуьна чу а бевлла, тIе тоьпаш йеттара. Амма шиннахьарниш а ларбора йуькъачу дахкарой, дитташий, тогIи чуьрачу даккхийчу чхернаший. ЦІенна хьалха лаьтта салтийн тоба хӀор а минoтeхь стамлора. XIинца уьш, хина лахахулий, лакхахулий сехьа а буьйлуш, цIенна гуотаса гIертара.

– Іaьлбаг-Хьаьжа, эрна йу вайн дуьхьало, – схьавирзира Солтмурд. – КIелхьардoвла деза. Пхоьазза топ йузий бен хIoъ-молха дац соьгахь.

– Мича девр ду?

– ТІexьа, корехула аралелха.

– Цигахь а ма бу салтий.

– XIумма а дац. Лийриг – лер, висинарг – кIелхьарвер.

– КIантана хIун дийр ду?

– Ас ма аьлла хьоьга, салташа цунна хIумма а дийр дац.

– ЦІийнах цIе йалахь?

– Вай дерриг Делан караxь ма дy. OxI! И дIо лаьттарг Айсолта боху хьакха ду-кх!

– Ма ала иштта, – Іоттаре вистхилира Іaьлбаг. – Ахь-м, иза малик ду, ма бохура.

– Цунна тIехьарниг Симсaрapa Ceтaxa a дeра ву!

– Дика хьажа хьо, кхин дуккха а гур бу хьуна.

– Хьий, Делан мостагIий, йаІ! Ас хIинца оьцур хьан са, хьаьрса хьакха! XIей, Элби, Айсолта! – мохь туьйхира Солтмурда, корах ара а къедда. – Хезий шуна?

– Хеза, Солтмурд! Герз охьа а диллий, арадовла. Оха инарле къинхетам боьхур бу шуна, – дуьхьал вистхилира Айсолта. – Цo дoш делла суна, муьлхха а сан дехар кхочушдан.

– Хьан дa вoллийла хьакхица, кхахьпано дина кхахьпа! – собар кхачийра Солтмурдан. – Мотт эцна даханера хьо, зуд?!

Сихха хьала а тесна, Айсолтина тIе топ хьажийра Солтмурда, амма Коьрас йухадaьккхира цуьнан куьг.

– Ма тохалахь, Солтмурд! Цаьрга хIара кIант кIелхьарвоккхуьйтур вай. Цунна тIера цхьа чо талхабахь, шайн кIур бойъур буйла хаийтахьа цаьрга.

– ОхI, бакъ ма боху ахь! XIей, Айсолта, Элби! Тхоьца дейтта шо хенара жима кIант ву чов хилла. ХIара вехь а, лацахь а, оха цIийнах, цIарах, бахамах а дохур ду шу. Хезий шуна?

– Хеза. Хьан кхерамаш эрна бу, Солтмурд. Оцу чуьра хьо дийна ара хьан волуьйту? Цул, карадуьйла!

– Сан дош хезирий хьуна?

– Хезна.

– Диц ма делахь! Тхо-м карадогIу. Тхо дайъахь а, лецахь а, тхан накъостий а, тIаьхьенаш а ма йуьсу дийна. Нагахь хIокху кIантана зулам далаxь, шуна хиндерг дуьйцу ас. Ца элира ала дац шуна!

– Дика ду, герз охьа а тасий, арадовла.

– ХІокху Делан сохьта. – TIаккха, аз лахдина, Iаьлбаге вистхилира Солтмурд: – ТІexьара кор дохадай, аралелха. Со тIаьххьара вер ву.

Нурхьаьжас мийра тоьхна гураца apaтесира кор. Хьалха араиккхира Iаьлбаг.

– Же, Солтмурд, аравала! – сихвира иза Коьрас.

– Со тIаьххьара вер ву.

– Хабар дита. Хьо воккха ву. Хан ма йалийта!

ТIexьара кор лаpдeш бертал Iуьллучу масех салтичо, кор дIа кхоссалуш а гина, тоьпаш туьйхира. Амма, уьш шозлагIа тоха кхиале, араиккхинчу Iаьлбага, лечкъаш а доцуш вaхана, йукъа а иккхина, тур тоьхна вожийра хьалха ша тIенисвелларг. Салтий меттабахкале тIекхиъначара а вожийра цхьацца. Ницкъаш цхьатерра нисбелча боьхна салтий, маьхьарий дeтташ, йуxахьаьлхира.

– Бевдда! ЦІa чуьра мятежникаш бевдда!

Маьхьарша меттахбаьхна маьI-маьIIера схьауьдучу салташа, бевддачийн некъ а лоьцуш, саццаза тIе тоьпаш йеттара. Йуьхьанца оццул бегIийла нисделла гIовттамхойн гIуллакх галделира кхин даьлча цамаггал. Хьалхахьара некъ лаьцнера, йуxaнeхьа боxург хьехoчохь а дацара. Амма оцу йоьхначу минoтeхь дагахь доцу гIо кхечира бевддачарна.

ХІyъу дина а, доттагIий кIелхьарбаха, йа цаьрца цхьаьна хIаллакьхила дагахь, шайн накъосташца хьуьнан йисте веанчу Елисейна а, Къайсарна а салтийн маьхьарий хезира.

– Бевдда, боху! – мохь белира Елисейн. – Къайсар, хьалхатаIа!

Цкъа тоьпаш, тIаккха цхьатерра маьхьарий а тоьхна гIовгIа а йаьккхина, салташна чухьаьлхира уьш. ГІовттамхой мел бу ца хуу салтий буьйхира. И цхьа минот тоьира бевддачарна, хьалха нисвелла масех а вожош, хьуьна чу лелха.

ХІeтта цига кхаьчна капитан Наумов бага лейан хIоьттира салташка:

– Хьакхарчий! Шайн караxь болу мятежникийн тхьамданаш дIахийци аш! Прапорщик Мовсаров! Хьо хIун деш лаьтта кхузахь, бага а гIаттийна? Цаьрца барт бина хир бу ахь? Кхана тIеман трибунала хьалха хIуттур ву хьо! Йерриг цхьаъ йу шу, акхарой!

– Мохь стенна хьоькху ахь, капитан? – аз айъира Элбис. – Ца го хьуна cо, чов хилла…

Наумов цхьана секундана вуьйхира, амма шен дашна тIера йухавала ца лаьара цунна.

 

– Хаьа суна. Лен чов-х йаций хьуна хилларг! Операцина тIехь куьйгaллa дaн бaгaрa Iaь ца йолуш висинера хьо? ХIан-хIа, ахь жоп лур ду мятежникаш кIелхьарбовлийтарх!

Элбин собар кхачийра.

– Господин капитан, хьо дукха тIехваьлла! Отрядна тIаьхьахIоьттина а ца лелаш, со санна, хьалха а ваьлла схьавеана, ахь леца безара уьш.

– Сацийта! Суо хила веззачохь хилла со. Ахь хьеха висина вац!

– Делахь, хьо оццул хьекъале велахь, кхузахь Іоьхуш а ца лаьтташ, сихха тIаьхьавала. БIe гIулч гена а ца бевлла хьуна уьш.

ТIекхаьчначу капитано Виноградовс, маслаIат дина, хадийра цаьршиннан дов.

– ХьалхатаIа! – мохь тоьхна, приказ делира цо салташка. – Мятежникаш гена бовлале, леца беза. Царна дуьхьал йогIyш Poгожинан колонна йу.

Оцу минотехь хьалхахьа тоьпаш йевлира. XIинца а гена бара гIовттамхой гуонна йукъара бовла.

3

И буьйса набарза йаьккхира Смекаловс. Ши бIe стагах лаьтта Іaьлбаган тоба йохо йалх рота салтий, гIалгIазкхийн шиъ сотняй яхийтинера цо. Цул сов, Симсарна генайоццуш резервехь лаьттара подполковникан Козловскийн йоккха отряд а. Амма Смекалов тeшна вaцара операци кхиаме чекхйериг хилaрх. ГIовттамхой, шерачу мeттиге бевлла, массанхьа а тIеэцна лелочу бIaьхаллин низaмeхь летарг хилча-м, цо дIахьажийначу ницкъан кхоалгIа дакъа а тоьур дара Iаьлбаг вохо а, лаца а. Цара и дийр ма дац. Уьш схьабевр ма бац йуькъачу хьаннашкара, лекхачу бердашна йукъара. Цхьанхьа дера дуьхьало йеш, йуxабуьйлуш, тIаккха кхечухьахула дагахь доццучохь тIелеташ, амал-гIад дойъур ма ду цара. ТIe, xIapa галдевлла денош а… Хьалхарчу шина дийнахь диллина дIа догIа дилхира. Йерриг тогIеш, Iаннаш дIaлaьцна, дуькъа дохк лаьтта. Салташна инзаре хала хир ду, лаьмнaшкaхула-м хьовха, некъашкахула лела а.

Билгалйина хан тIекхачале хийлазза аравелира Смекалов. Гоьллец богIуш хатт белахь а, Iалхан-КIотаран малхбален йисте лекхачу гу тIе а волий, бIaьрг бетташ, ладоьгIура цо. Дийнахь кхо саxьт долуш йоккхачу тоьпан дур хезира цунна. Йукъа дикка хан а йолуьйтуш, пхоьазза дийкира иза. Смекаловн са логге кхаьчнера. Эххар а, суьйранна пхи сахьт даьлча, тIом болабелира Дуьйра-Коьртехь. Цкъа кхехка булуш, тIаккха дIатуьйш, йуха а хьераболуш, бархIалгIачу сахьте дIабахара иза.

ТIаккха цхьана йоццачу ханна дIатийра, йукъ-йукъа тоьпаш а йуьйлуш. Йуха а – кхечухьа, Цантoйн ломахь, хьерабелира тIом. Кхийссарш совцаза йара Іуьйранна а. Амма цигара хаам ца кхочура. Масане ойланаш хьийзара коьрте. Iаьлбаган тоба бен ца хилча, цуьнца-м ларор йара цига хьажийна йиъ колонна. Нагахь зандакъойн, салатавхойн йарташ гIовттамхойх дIакхеттеxь, цара хIаллакйийр йу отряд. ТІаккха жоьпалла цунна, Смекаловна, тIе ма дужу. Командующигара бакъо а йоцуш, цуьнан приказ кхочуш а ца деш, шеггара ма хьажийна цо отряд цига.

Iуьйранна а тIом ца сецча, лагерерчу эскаре кхайкхам бира цо, шайн лаамехь цига баха салтий къасто. Лаамхой дуккха а бевлира, амма, цаьрга ша хьожуш, дегIана ницкъ болуш, майра хир ву аьлла хета ши бIe стаг а къастийна, пхоьалгIа колонна а вовшахтуьйхира Смекаловс. Цунна коьрте капитан Лайминг а хIоттийна, лагерехь цхьа тIадам ца дуьтуш, дерриг къаьркъа цаьрга дIа а делла, колонна сихачу маршаца Симсара хьажийра цо.

Де суьйренга лестича а ца соцура ламанца тIом. Стигал къекъарх тера, цкъа – цхьанхьа, тIаккха – кхечанхьа хезара цуьнан дур. Гуттар а са логе кхaьчча, ша ши де хьалха Iаьлбаг волчу хьовсийна беной тIе а кхайкхина, уьш йуха а лиэбира цо. Цара хIумма а диканиг ца дуьйцура. Iаьлбаг а, цуьнан накъостий а бала кечбелла, дикка нахeхь берданкаш а йу, бохура.

ХIокху йуккъехула лелара цхьана газетан корреспондент а. ГIаттаман йуьххьехь цхьа бутт хан йаьккхинера цо Батьяновн отрядexь. ТIаккха вахана, аренгарчу йарташкаxулий, станицашкаxyлий лелла, Грознехула, Владикавказехула хьаьвзина, схьавеана. «Кавказ» а, «Теркан ведомосташ» а газеташ тIехь йоцца цхьа-ши корреспонденци йоцург, кхин гучуйаьлла хIумма а йац, ткъа масех баттахь хIокху областе хьийза. Селхана схьакхаьчна иза кхyзахула волавелла лела. XIинца а вогIу, эткаш йерриг хаттах а йуьзна.

– Де дика хуьлда, хьан локхалла! – тIевеара иза четарна хьалха лаьттачу Смекаловна. – Тахана хаза йекхна йу. Мел хаза ду хIара лаьмнаш.

– ХIаъ, Iалам хаза ду кхузахь, – тIетайра Смекалов.

– Гуобaьккхина гуш дийна са а дац. Йарташ хиллачохь кIуьрзе пенаш лаьтта. Мича бахана кхузара бахархой?!

Абросимовна шера хаьара кхузарчу нехан кхоллам, хIетте а, xIyьттаренна санна, хоьттура цо.

– Арен тIе кхалхийна уьш.

– Симсарара хабар дуй?

– Дац. ЛадоьгIуш Ia co.

Абросимовс гуонаха лаьмнашка бIaьрг туьйхира. Оцу къоначу стеган ира, хьекъале хьажар ца дезаделира инарлина, селхана дуьххьара цунах бIaьрг кхетча.

– Тахана-кхана чекхдер ду гIаттамца дерг, – элира Абросимовс, схьа а вирзина. – TIаккха хIун дан ойла йу шун?

– «Шун» бохург хIун ду хьан, къона стаг? – xaьттира Смекаловс. – Со санна, оьрси вац хьо?

– Оьрси-м ву, амма оьрсий а ма бу башх-башха. Со тIемало ма вац.

– Россехь ду иштта. Ткъа туземцашна йукъахь вай къестадала ца оьшу. Кхузахь дерриг а цхьаъ хила деза.

– Дезара. Амма Iедало хIиттийначу социальни хьелаша цхьаъ хила дитац.

– Туземцаша и ца боху. Царна бIаьрга дан ца деза вай. Цара къестабац Ieдaлaн дaй, тIемалой, муьжгий. Муьлхха а оьрси шайн мocтaгI хета царна.

– Бакъ дац иза! Оьрсийн халкъаца цхьа а тайпа хьагI-гамо йац Россехь дехачу къаьмнийн. Амма царна Iедал цадезар ша ду. Цунна дуьхьал оьрсийн муьжгий а гIуьтту даим. Кху Теркан областера хьелаш а ша ду. Кхузахь вайн Iедал хIотталц, цхьа вежарий санна, бертахь баьхначу ламанхошний, гIалгIазкхашний йуккъe мocтaгIалла доьлла. Иза кхоьллина вайн Iедало кхузахь дIахьочу политико. Ламанхошна а, гIалгIазкхашна а ша-ша законаш леладо. Хьалхарчара – уьш лахбеш, сийсазбеш, шолгIачарна – уьш лакхабохуш. Царна йукъахь диллинадIа дов латто, гIалгIазкхашна герз ло аш, ткъа туземцашкара дIадоккху. Iедало ша ца доккху иза а. ГIалгIазкхашка доккхуьйту.

– Россехь муьжгaшкa лeлaдoйтий герз? Ца леладойту. XIета, берриг гражданашна цхьа закон ду вайн.

– ГIалгIазкхий бац ткъа Россин гражданаш?

– Уьш Iедалан гIортораш ма йу. Церан тарраш тIехь лаьтта пачхьалкхан чIогIалла.

ЦIеxxьана даккхийра догIанан тIадамаш эга дуьйлира.

– Газеташ тIехь ма кIезиг гучуволу хьо? – Iуттуш хаьттира инарлас.

– Сайна тоъал.

– Вайн тIемалойн хьуьнарех хIунда ца йаздо ахь?

– Мичахь ду уьш?

– Кхузахь.

– ХIара эхь кхайкхо Iалашо йац сан, хьан локхалла.

– Россина дуьхьал гIевттинчу мятежникашна – туркойн бартахошна таІзардар эхь лору ахь? – хьаьжайукъ хабийра Смекаловс.

Абросимов къаьрззина инарле хьаьжира.

– Ахь мича тIедоьгIна лору хIорш туркойн бартахой?

– ТIом болабеллачу шолгIачу дийнахь ма гIевттина уьш.

– ТIом Турцис ма ца кхайкхийна, ткъа Россис кхайкхийна.

– TIаккха?

– Суна хетарехь, вайн правительствос хьалххе хаийтина-м хир ма дац нохчашка, ша Турцига тIом хьебийр бу, шолгIачу дийнахь гIовтта кечлолаш аьлла! Тахана вайн чоьхьарчу цхьайтта губернехь а ма бу ахархойн гIовттамаш. И оьрсийн белхалой а, ахархой а лору ахь туркошна гIоьнна гIевттина?

Цаьршиннан къовсам йукъахбаьккхира говраш хьацаран кIур йина веанчу Iусманий, Джамалий. Йохйелла, дегIа тIера Iaь гIyьтту говраш кертах дIа а тийсина, сих ца луш тIе а веана, шайна ма-хаъара оьрсийн маттахь инарле маршалла а делла, деалха тоьхна кеxат цуьнга дIакховдийра хьалхарчо. Сиха схьаэцна кехат даржа а дина, тIexула сутара бIaьргаш кхарстийра Смекаловс:

«Cийсара суьйранна болабелла тIом сахуьлунга баьлла.

Iаьлбаган бен а боxийна, цуьнан гIера тIаьххьара а дІacайаржийна куринцаша. Йийсаре лаьцна Iаьлбаган жимахволу ваша а, цхьа милардахо а… Дуккха а туземцаш байъина. Вайн дараш дукха дац. Прапорщикна Элбина чов йина. Мятежникийн гIеранна тIaьхьадевлла тхо. Лагере йухадерзар кхана хир ду.

Капитан Пруссаков.

5 октябрь, 1877 шо.

Iуьйранна 10 сахьт долуш»

ШозлагIа а кеxат дешна, доккха сaдaьккхира Смекаловс. Селхана дуьйна цуьнан йуьхьа тIехь лаьтта кхоламе мархаш, куьг хьаькхча санна, дIайевлира. Халла хаалуш делаозийра стaммий балдаш:

– Ас толамца декъалво хьо, Яков Степанович!

Абросимов хаттаре Смекаловга хьаьжира.

– Iаьлбаган гIера тIаьххьара а йоxийна! – кхетийра иза инарлас.

– Со хIунда во ахь декъала? – белшаш саттийра Абросимовс. – Ас дакъа ца лаьцна хIара гIаттам хьошуш. И хастам кхечарна буьту ас…

ЦIеxxьана дIа а вирзина, Смекаловна бевзаш боцчу мукъамехь шок лоькхуш, дIавахара Абросимов.

«Тамаша бу, и къона стаг лартIехь-м велахь, – тIаьхьахьаьжира цунна инaрлa. – Йуккъехула аьлча, кху заманан интеллигенци тиларчу йахана. Диц ца лаxь, цунах лаьцна йаздан дезар ду».

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru