bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

Цхьана агIор, бакълоьра Нурид: областан начальник коьртехь волу отряд йохайахь, гIуллакх чолхе дер мa дара. Цуьнан караxь хила ма йеза куьйгаллин архаш, цуьнан коьрто вовшахтоха ма деза гIаттам хьашаран гIуллакх. Ши отряд хIаллакьхилахь а, кхyзахь Грознexь волуш, цуьнан аьтто хир ма бу гIала ларйан ницкъ вовшахтоха, областера дисина эскарийн дакъош тIеоза.

Нуридан кехато и сацам тIеэцийтина Александр Павлович, шен штабан начальник Мылов Iумхан-Юьртан отрядца Майртуьпа а хьажийна, гIала вирзинера. XIинца иза шеквара эло Врейскийc кхиийнaчу оцу дегIастанхoчун догцIеналлех. Областан начальник йуьстах a вaьккхина, шен лаамехь виса, толаман хастам шeннa бита ойла хилла-те цуьнан бохуш, шеквара Свистунов.

«Хастам шена а буьтуш, толам баккхахьара цо», – доккха са a дaьккхина, охьавижира иза.

3

Нохчийчохь болабелла гIаттам оьрсийн-туркойн тIамах уггар жоьпаллечех цхьа дакъа лоручу правительствос кхуза ваийтинера Кавказан эскарийн коьртачу штабан начальникан гIоьнча, инарла-адъютант эла Святополк-Мирский.

Селхана сарралц кхузара гIуллакхаш теллина, Кавказан наместникан, сийлаxь-воккхачу элан Михаил Николаевичан цIарах цо сацамболлуш тIедиллира, Нохчийчуьра гIаттам кху масех дийнахь, хьаший, дIабаккха аьлла.

Iуьйранна иза новкъа а ваьккхина, йухавирзина Александр Павлович, шен гIоьнча инарла-майор Смекалов а кхайкхина, кхеташо йан охьахиира.

Шина инарлин дог-ойла самукъане йацара тахана а. Эло Святополк-Мирскийс схьахаийтира областан начальствон куьйгаллина Михаил Николаевич резацахилар. ХІокхара областeхь хьокъала доллу куьйгалла латтийнехьара, болабалале гIаттам сацо а, ткъа хIорш жимма а жигара хиллехь, иза йуьххьехь хьаьшна дIабаккха а кхузахь таронаш гора Тифлисехь.

Шен амалшца собаре а, жимма дерг тардолуьйтуш а волу эла Святополк-Мирский собарх ваьккхинера Нохчийчохь хIоьттина хьал хIокху шинна хIинца а ма-дарра хууш цахилaрo.

Баккъалла а, Майртуьпахь хиллачу тIеман жамІаш ца хаьара Владикавказехь шолгIачу дийнахь а.

– Хаац-кх, сел луьрачу таIзарна Далла хьалха со стенна бехке хилла, – кIедачу гIанта везза охьа а хиъна, шиний куьга корта лецира Александр Павловича. – Нуридна тIе ма диллинера ас, сайца хаддаза зIе латтайе аьлла. Эло Эристовс а тешийнера нохчашна йуккъехь шен разведка чIогIа болх беш хиларх. Цуьнгара а, вукхуьнгара а цхьа а тайпа хаам бац. Белла-х бац хирий уьш!

Графин схьаэцна, стака дуьззина доьттина хи сутара дIа а мелла, цкъа балдех, тIаккха хьаж тIе йовлакх хьаькхира цо. Алексей Михайловична чIогIа лаьара шен шефана маслаIат дан. Амма кхузахь дешнаш эрна хир дара.

Инарла Свистунов, ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, цкъа-шозза чухула дIаса а волавелла, корехь сецира. ХIетта маргIал тесначу акхтарган гаьннаш тIехь самукъадаьлла «чIир-чIир» дора цхьа арданг хьозарчаша. Дехьо, чуьйнан дехачу гIанта уллохь, ловзуш доллура жима йоI а, кIант а. Инарлин бIаьргаш малхбалехьа дIахьаьвсира. Амма и агIо бодане а, къайлене а хийтира цунна. Селхана делккъехь иза Грознера схьаволуш а хезара цигара схьа герзийн татанаш. Делккъалц Iийра иза, отрядера хаам кхачаре догдохуш. ХIун хилла-те цигахь? Отряд йохийна-те? Йа гуонна йуккъехь йисина-те? НеIалт хуьлда оцу аварцана! Шен кураллица цо дохий дерриг а. Кура хила йиш йу кхуьнан, сагIадоьхурган кIеза!

– Суна хетарехь, вай тIех тешам ло кхузарчу туземцашна, – хезира Александр Павловична шен гIоьнчин дера аз. – Вай четахь дохдийраш лаьхьарчий ма ду. Аьтто баьллачу минотехь, церг йоьллина, дIовш тоха кийчча хьаьрчина Iаш.

Шен ойланех йукъахваьккхина Александр Павлович, веана, гIанта везза охьахиира, гIовлаш тIе куьйгаш дохкуш.

– Дала хIаллакбойла уьш! Царах даккхийдеш лела ткъа вай? Мел ца лаахь а, царах цхьаберш хьеста а, бузо а деза. И ца дича, царна тIехь олалла латталур дац вайга. Цаьрга шайга вовшийн къамкъаргаш ца Iийдийтича. Царах цхьаболчарна вай ло чин, совгIат а жIаьлешна йукъа тосу даьIахк йу. Цхьадерш ца дустийча, ца дардича, цара шайн хIух долу важа дисинарш этIор ма дац. Ткъа вайна оцу жIаьлийн арданга йукъара ваьшна муьтIахь дерш, ваьш хIуьск ма-эллинехь, тIедетталур дерш, доцца аьлча, сутарниш, стешханиш къесто хаа деза.

ХIара шиъ гIуллакхаш дийцape дaн a вoлaвaлaле, каралаьцна пакет а долуш чоьхьавелира сотник Габаев. Ши кIажа вовшахтухуш, гиччошна тIе куьг лаьцна, вулaвелла дIа а хIоьттина, цо рапорт делира, полковнекера Нуридера хаам бу аьлла…

Сотник шена тIекхаччалц са а ца тоxаделла, хьалаиккхинчу Свистуновс цуьнгара маса схьаийцира шина дийнахь ша сатийсина кехат. Цхьана кога тIехь хьаьвзина, эткаш цIийзош, аравелира сотник.

Охьахуъушшехь, бIaьргех дашо хIазарш долу куьзганаш а доьхкина, конверт йатIош схьа а йиллина, кехата тIехула сутара бIаьргаш кхарстийра Свистуновс.

– ХІ-м… Со ца кхеташ хIума ду-кх xІокхо дуьйцург, – хьаьжа йукъ хабийра цо. – ЛадогIахьа, Алексей Михайлович, хIара стаг лартIexь вац-кх: «22 апрелехь Майртуьпахь тIом хилла. Даккхий зиэнаш хилла, мятежникаш ЖугIурта йухабевлла, амма, кегийрачу тобанашца хаддаза тIелетарш деш, цара сийсара сахиллалц садаIа ца йитина, Курчалойн-Эвлан йиcтeхь туп тоьхна, сецна тхан отряд. Суна моьттинчул йоккха йу мятежникийн тоба. Кхузарчу дуккха а йартийн ойланаш цаьргахьа хьаьвзина. Отрядна тоъал къаьркъа дац. ДогIано тIадийна, лашкабаьхна салтий, шеллуш, хоршош йаьхкина Іа. Царна ницкъ бала къаьркъа оьшу. Мятежникийн 250 стаг а, дуккха а говраш а йайъина. Сан отрядехь висинарг эзар стаг бен вац. Oьшучуьнца цхьана а тайпа кхачо йоцуш йисинчу хIокху гIорасизчу отрядца кхераме ду гIеттинчу Нохчийчоьнан йукъамeттeхь кхидIа сеца. Хулхулон чIож дIалаьцна, Шелахьа богIуш бу мятежникаш. Тховса Гермчигана уллохь буьйса йаккха ойла йу сан, амма йа БердакIел, йа УстаргIарда йухавала a мeгa. Шайн Дeлaн дуьхьа, сиxонца гIоьнaллина отряд а, обоз йаййан ворданаш а йахкийта…»

– XIун ду хIокхо дуьйцург? – кеxат стоьла тIе а кхоьссина, бIaьргара куьзганаш дIа а даьхна, Смекаловна тIевогIавелира Свистунов. – Доккха зиэн а хуьлуш, лам чу йуxабевлла хилча, буса сахиллалц уьш отрядна тIе а муха лиэта? Яьсса ворданаш йахкийта а хIунда боху?

Смекаловс, ца кхеташ, корта хьовзийра.

– Хьанна хаьа, байъинарш а, чевнаш хилларш а схьабало йеза хир йу цунна уьш. Нагахь кхоччуш ца йоxийнeхь а, дуккха а зиэнаш хуьлуш йухайаьллачух тера ду отряд.

– Суна хетарехь, Алексей Михайлович, Нуридна гIо хьажо деза сиxонца. Цул сов, Грозный а йу кхерамна кIел. Цигахь низам латто тоъал ницкъаш а битий, важа бисинарш берриг a Hoxчийчу дIахьовсaбe…

– Тамански полк тахана дIакхочур йу Грозный. 20-чу дивизин тІaьхьалонна витина виъ эзар салти а бIaьхаллин низaмeхь Iуьйранна гIалех араваьлла. ГIизлар-Гребенски полкан шиъ сотня а селхана Грозный дIакхаьчна.

– Тенгински полк а, гIалгIазкхийн сотняш а сихха Нуридна гIоьнна дIахьовсо йеза. Хиндерг хаац, УстаргIардойн тIай тIе кхин a мaсех рота салтий хIиттийча, бакъахьа хета суна. Нагахь, вайн отрядаш а йоxийна, мятежникаш гIалина тIегIортахь, уьш мелла а совцо. Шуьйтара хаам буй?

– ХIаъ, сийсара геланча веана цигара, – сихха жоп делира Смекаловс.

– XIун ду цигахь?

– ЧIeбaрлaхь гIаттам болабелла, боху. Амма хIинца цкъа Залмаев коьртехь волуш йарташкахула йолайелла тоба жима йу. КхоалгIачу участкан пристав капитан Сервианов виэн гIоьртина уьш. Поручик Бача Саралиев а, коллежски регистратор Хьайбулла Курбанов а жигара хьовзарна, дийна висина иза. Йарташкарчу цIе йоккхучу нахах отряд вовшахтухуш ву Саралиев.

Стакана чу доьттинчу хих цхьа къурд а бина, шен дуькъачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира Смекаловс.

– Кхин цхьа тамашийна хIума а хьехадо полковнико Лохвицкийс. ЧIебарлoшний, церан лулахошна Іaьндошний йукъахь Шемалан заманахь кхолладелла шира мостагIалла ду, иза жимма кIамдича, Iаьндой чIебарлошна дуьхьалбевр бара, боху цо. Малхбузе ДегIастанан начальнике, эле Накашидзега, и гIуллакх вовшахтохахьара аьлла, дехар дича, бакъахьа хета цунна.

Александр Павлович, хьала а гIеттина, пенах кхозучу картана тIевахара.

– Полковникан идея вуон йац, Алексей Михайлович, – цуьнгахьа схьавирзира иза. – Суна сайна а дагадеанера ишттачу йукъаметтигех пайдаэца. Шемала а шен имaмaллин тIaьххьарчу итт шарахь хаддаза дов тийсира оцу шина халкъана йукъа. Шена дуьхьалбевлларш вовшашка хьоьшуьйтуш. Мекара корта хьаха бара оцу воккхачу стеган-м…

– Вай а ца Iийра ледара, – боккха баьккхина кIур чу а оьзна, велакъежира Смекалов, – цхьаберш кхaьънашца оьцуш, кхиберш кхерош, йукъа питанаш туьйсуш. Со шек вац хIинца хIара гIаттам а вай ламанхойн куьйгашца хьошург хиларх.

– Иза вуон ду ткъа?

Сихха жоп ца луш, стоьла тIе пӀелгийн йуьхьигашца вота а йетташ, сeцира Смекалов.

– Дика а, дера, дац, амма ца дича далац-кх.

– Иза уггар тешаме некъ бу, Алексей Михайлович. Селхана Святополк-Мирскийс соьга хаийтира вай оцу новкъа дахар Цуьнан Императорски Сийлаxь Локхаллина лууш хилар. Боьхий, цIений гIирс ца хоьржуш, хьаьстина a, Iеxийна а, кхерийна а, и гIаттам хьаша нохчашлахь шайх отрядаш вовшахтоха дезар ду. Цул сов, Нохчийчу йало йеза гондIарчу къаьмнийн милицин отрядаш а. Цундела, Алексей Михайлович, и Iaьндой вовшахтохар доьхуш, эла Накашидзега сиxонца кехат йаздехьа.

Амма оцу минотехь чуваьллачу полковнико Мыловс йукъахдaьккхира цаьршиннан къамел.

– Господин полковник! – цец мохь белира Свистуновн, ченаша а вуьзна, ма-воггIура чувеана Мылов гича. – Далла бу-кх хастам, хилларг шeн шина бIаьрга гина дийна стаг ву-кх хIинца!

Ши инарла охьахиъча, цаьршинна дуьхьалдолчу гIентан йисте охьалахвелира полковник.

– Тхойша хIинцца дийцина ваьлла Нуридан чолхечу кехатах лаьцна. ХIун ду цигахь, мича хьолехь йу отряд?

Карара фуражка стоьла тIе охьа а йиллина, логах йовлакх хьаькхира полковнико.

– Цо йаздинарг бакъду. Йан а йу отряд халачу хьолехь. Нурид Гермчигара дIа Эрсана йухаваьлла.

– XIунда?

– Хьанна хаьа цо лелориг? Мятежникаш Шела тIе ца бахкийта дуьхьалонна воьду ша, бохура.

– Ой, Грозныйна тIедогIу некъаш диллина дитина цо?

 

– ХІaъa. Iaлaрoй-Эвла, Хаси-Юрт, Иласхан-Юрт, БІаьчи-Юрт мятежникашкахьа йевлла. Гелдагана а, Курчалой-Эвла а дIа а лецна, Шелахьа, Урус-Мартанeхьа, УстаргIардехьа богIуш бу уьш, Нурид Эрсана хиъна Iашшехь.

– Хьий, неIалит цунна! – стоьла тIехь лаьттачу горгалина тIe куьг а тоьхна, шен адъютант чукхайкхира Свистуновс: – Грозный, инарла-майоре Виберге… ДIайаздел. XIара телеграмма дIакхачарца, сихха УстаргIардойн тIай тIехь йолчу шина ротина тIе Тенгински полкан цхьа рота а, шиъ йоккха топ а, гIалгIазкхийн сотня а йахийта. Кхана Грозный дIакхочу йолу Тамански полкан батальон Шелана улло йахийта. Веданахь гIуллакх ца деш лаьттачу Курински полкан шиъ батальон арен тIе кхайкха. Майорна Ярцевна тIедилла, цхьа а мятежник УстаргIардойн тIайх сехьа ма валийта алий. Йаздин ахь?

– Йаздина, хьан локхалла.

– КхидIа. Шелана тIера бIaьрг ма баккха. Цунна тIе мятежникаш ма бита, мел даккхий дараш хилахь а. Мятеж Йоккхачу Нохчийчу ца йалийта, отрядаш УстаргIарданий, Эрсанний йуккъе хIиттайе. Нохчашна йукъарчу вайн лазутчикашна ахча а ма кхоаде. Полковнике Батьяновга: Хаси-Юьртана а Iумхан-Юьртана а йуккъерчу линица чIагІло. Нагахь и акхарой Теркал дехьайовла гIортахь а, царна новкъарло йан, хин бердашца болу хихбовларан берриг а гIирсаш хIаллакбе. Дерриг нийсса йаздин ахь? Сихонца телеграмма дIало.

Габаев араваьлча, Мыловна тIевирзира Свистунов.

– XIинца, господин полковник, дийцал цигара хьал ша ма-дарра.

Майртуьпахь хиллачу тIамах а, тIаьххьарчу масех дийнахь Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах a лaьцна дийцина ваьлча, Нуридна арз дан хIоьттира Мылов.

– Хьан локхалла, уггар кхераме киртиг тидаме цa оьцуш йуьтийла дац. Iумхан-Юьртара со аравалале, ас геланче Нуридна тIе приказ дахьийтира, цхьана батальонций, гIалгIазкхийн сотниций, йеа йоккхачу тоьпаций со Майртуьпа вогIу, хьайн отрядца сихха суна дуьхьалвола аьлла. Кхо саxьт далале цо жоп даийтира, хIоьттинчу хьолаца дуьстича, отряд Эрсанара дIайаккхар кхераме ду аьлла. ШолгIа ас дахьийтина приказ а кхочуш ца дира цо. Эххар а, кхозлагIа ас приказ делча, жоп даийти: «Хьан приказ кхочуш ца дича ца волу со, амма, сан отряд хIаллакьхилахь, жоьпалла хьуна тIе дужу», – аьлла. Ахь пурба ма-даллара, ас хьан локхаллин цIарах ма лора приказаш. Уьш кхочушцадарна полковникна Нуридна таІзар догIу.

Александр Павлович хьалагIеттира.

– КхидIа цуьнан амалшка хьаьвсича, хуур вайна. ЦIa а гIой, жиммa сaдaIa…

Чувеана адъютант, Свистуновга телеграмма а йелла, неIаре йуха а ваьлла, чурт санна, вогIавелира. Инарлас сихха бIaьргаш кхарстийра кехата тIехула:

«Цyьнан локхалле Теркан областан эскарийн командующига, инарла-адъютанте Свистуновга.

Стомара буса, шайн коьртехь могIара салти Попов Елисей а волуш, Герзель-гIопера шайн герзаца кхоъ салти ведда хилла мятежникийн агIонгахьа. Бевддарш гIопана генабовла кхиале, и хиъначу капитано Чекуновс тIаьхьадаьккхинчу орцано цхьаъ вийна, шолгIаниг, лаьцна, йухавалийнa. Поповн аьтто баьлла къайлавала. Лаьцначу салтичунна Недоноскин Дмитрийна таIзардарх лаьцна хьоьгарчу гайтаме ладоьгIур ду ас.

Флигель-адъютант, полковник Батьянов.

21-гIа апрель, 1877-гIa шо.

Хаси-Юрт-гIап»

Командующин хьаьжа йуккъе шад гуллуш гиначу Смекаловна хиира хаамаш дика боцийла.

– XIун хилла, Александр Павлович?

– Вайн салтий нохчашкахьа ида бевлла-кх! Мятеж йолайала а кхиале, кхоъ ведда.

– Иза вай цецдовла хIума дац. Ермоловн заманахь дуьйна схьа нохчашца хилла беха тIом чекхбаллалц эзарнаш идда уьш цаьргахьа. Эпсарш а цхьаьна. ДаьргIана а, Бенана а уллохь салташа йехкина дийнна слободаш йара xIетахь. ТIe, нохчийн эскаршкахь бeрриг герзийн пхьераш а, артиллеристаш а бевдда бахана салтий бара. Вайна дуьхьал майра а, дера а уьш летара. Царах бисинчу новкъа бевлла-кх хIинца вaйнaш a…

– Сан caтeдaн, карлайоху ахь и истори? – йукъахвaьккхира иза Свистуновс. – Амма ас ловр йац сайн эскaрeхь и анархи. Сотник, дIайаздел. «Гуттар сиха. Полковнике Батьяновга. Лаьцначу дезертирна йерриг полкана хьалха, цхьа а суд йоцуш, тоьпаш тоха». Йаздин ахь? ШолгIа. «Полковнике Нуриде, Долговга. 80-чу ГІeбaртойн гIашлойн полкехь салтий мятежникашкахьа бовла гIоьртина меттиг хилла. Шайх тешийначу отрядашкахь лахарчу чинашна тIехь сема тергам латтабе. Мятежникашкахьа ойла йолуш стаг хаалахь, тIеман законашца догIу таIзар а де».

Адъютант араваьлча, доккха са а даьккхина, хьаьж тIе йовлакх хьаькхира Свистуновс.

XII корта. ТЕШНАБЕХК

Аш хIунда къевлина сан некъ?

ДІaдoвла!

Даймохк бу вайн гIоне хьоьжуш…

Ш. Петефи

1

Малх делкъенга болучу хенахь Iаьлбаг коьртехь волу отряд, Эвтарахула чекх а йаьлла, эвлан йисттерчу экъан тIехь сeцира.

ОйсгIар, Мелчхе, Гуьмсе, Мескар-Эвла дIа а лаьцна, кхуза кхача йезара Къосам a, Toзуркъа а коьртехь оцу йарташка йахана ши отряд.

БІaьхошка муьлххачу минотна кийча дойшна уллохь хила а аьлла, шеца Коьра а, Болат а кхайкхина, дехьо лаьттачу гу тIе вахара Iаьлбаг.

ГІовттамхойн отрядаш йарташкахула чекхйуьйлуш, баккхийбеш дуьхьалбеттaлора бахархой. Божарий, кегийрхой, божабераш эвла йисте дуьхьалдогIура. Царах дукхахберш, къаьсттина кегийрхой, бІона йукъакхетара. Сискал, кIалд, хохаш карахь урамашка буьйлура зударий а.

Адамийн йаxxьаш тIехь баккхийбер, дикане сатийсам гора Іaьлбагна. Цхьаберш боьлура, вукхара шовкъe маьхьарий дeттара, кхечара хIорш Деле боьхура. Амма Iаьлбаган ирачу хьекъална гора оцу шовкъечу йаxxьаш тIехь цара къайлайаьккхина латто гIайгIa a. Адамаша маршоне сатуьйсура. Уьш кийча дара цуьнан дуьхьа синош дIадала. Амма оцу бIaьрзечу дукханна йукъахь кIезиг бацара хIоьттинчу хьоле сирлачу хьекъалца хьуьйсурш а.

ГIовттамхошна йукъахь кIезиг бара шовзткъа шарал лакхара нах. БерхIитта шо хьалха чекхбаьллачу бехачу тIамехь бахчабеллачу бIаьхошна хаьара паччахьан Iедалан ницкъ. Цуьнца къийсар эрна дуйла а, толаме догдохийла йоцийла а. ГIаттам жигарбаьллачу кху тIаьххьарчу кIиран чохь йарташкахула чекхйуьйлучу оцу кегийрхойн тобанашка а хьуьйсуш, царах къахеташ, кортош хьийзадора къеначу бIаьхоша. Кхузткъа шо хьалха кхин сурт ма дара хIокху Нохчийчохь. Паччахьан эскарша наггахь дечу тIелатарша йукъ-йукъа йохо йарташ хьесапе ца эцча, йерриг Нохчийчоь токхе, дийна йара. ХIетахь а ца хаьара паччахьан ницкъ. Теркаца лаьттачу масех станицехь, масех гIопехь берг бен, кхин ницкъ бац моьттура.

Баккъал а, йуьхьанца, шаьш биттане а ца битича, уьш ларабора паччахьан ницкъаца. Толамаш бохура. И шайна го ницкъ кхин иттаза алсам баьлча а, ларийра. Амма иза, харц хIу санна, дебара шо-шаре мел долу, ткъа хIокхерниг дебо хьоста дацара. Вийначун метта дIахIотта тIемало ца хуьлура, къийсаман йозалла тIехь йуьсура дийна бисинчарна.

Оцу бехачу къийсамо заза дожийра Нохчийчоьнан. Цхьана агIор – паччахьан инарлаший, вукху агIор – Шемалий. ХIинца Нохчийчоь тера йара, йукъара зоьртала нежнаш, пепнаш охьа а диттина, йохийна, хIаллакйинчу бIешерийн хьаннех. ХIинца гIевттинарш оцу зоьрталчу диттийн метта кхиъна маргIалш дара.

Къеначу тIемалоша гIайгIане кортош хьийзабора.

XIинца Iаьлбагна хьалха, паччахьан эскарел сов, кхин дуьхьалонаш а нисйеллера. хIор а йуьртахь, дIа ког мел баьккхинчохь, динан дайн, совдегaрийн, эпсарийн, церан хьадалчийн кIелонаш а карайора цунна. Халкъан гIуллакхна, халкъан маршонна дуьхьалваьллачунна шегара къинхетам хир боцийла хаийта, Iаьлбага луьpa тaIзар дора царах шен кара нисвеллачунна. Амма Iаьлбага дина нийсонан хьукма мостагIаша цунна шена дуьхьал а доккхура. Ткъа динан дайша, цхьайолчу йарташкахь, маьждигашкахь шаьш хьехамаш беш, иза сийсазвеш, цунна неIалт кхайкхош, адам херадоккхура цунах.

XIинцале и ши йурт дуьхьалйаьллера, хIорш тIе цa оьцуш. Йуьххьехь – ишхой а, селхана – гуьмсахой а. Шекoнeхь дара тахана шелахошца дерг а. Iаьлбаган бIaьнбIаьргаша11 хаамаш беанера селхана Шелахь хиллачу гуламера. Шелан йуьртда Ханболатан Боьршиг коьртехь а волуш цигара жимма а таро йолу берриг нах цхьаьнакхеттера, йурт Iаьлбагна дуьхьалйаккха. Гулам, цхьана барте ца богIуш, боьхнера, амма сийсара хилларг хаац.

Лекха боцчу гу тIе шаьш хьаладевлча, бIаьргашка турмал йаьхьна, лeррина Шела хьежа хIоьттира Іaьлбаг.

– Эвлан йукъ сийсош адам го. Дукхахберш – говрашкахь.

– Салтий-м бац уьш? – хаьттира Коьрас.

– ХIан-хIа. Хеса йаьржина хьаьжа-гIабакхаш санна, кIайн чалбанаш го.

– Стенна гулбелла-те уьш?

– Вайна гIоьнна гулбеллехьара, чалбанаш хир йацара цигахь. Болат, кегийрхоша хIун дер-те?

– Делхьа, Iаьлбаг, догдохийла-м йу вайн, амма тешам бац-кх. Боьршига а, цуьнан бартахоша а дикка адам шайгахьа даьккхина. Кегийрхошна дихкина вайна тIаьхьахIиттар. Хаац, хIун хир. Шайн бахамаш, доьзалш Соьлжа-ГIала а, Чахкара а, гIалгIазкхийн йарташка а дIакхалхийна хьал долчара. Уьш цига дIа а ловчкъийна, йухабаьхкина цхьаберш. Iедало хьовсийна йа шаьш баьхкина а хаац, амма пайденна-м ца баьхкина уьш.

– Майртуьпара гIуллакх чекхдаьллачу шолгIачу дийннахьехь Шела дIалаца йезаш хиллера. Циггахь гIалат далийти вай, – элиpa Коьрас.

– Изa дIадaьлла, Коьра, дийцарх нислур доцуш. Ас и аьлча, хьо воцург, массо а суна дуьхьалвелира.

Говpара чу а воьссина, лаьттах хьалакъеддачу чхар тIе охьахиира Iaьлбаг, тур голашна йуккъе а лоцуш. Нуьйрана тIе дуьрста а тесна, хецна битина дин, бега а белла, ворта а саттийна, лаьттах берг йетта белира.

Коьртара схьабаьккхина месала куй гоьла тIе а биллина, горгачу чIенга кIел, буй беш, куьг гIортийна, шена хьалхара аре дIалaьцна лаьттачу шен бIaьне хьоьжуш, дIатийра Iaьлбаг.

Говрашкара охьавоьссира ши накъост а. Коьра доттагІчунна улло охьалахвелира.

– Вай са ма-тийссара, атта а ца хилла хIара гIуллакх, – йоцца хьалайаьллачу шен Iаьржачу можах куьг хьаькхира Iаьлбага… – Йиллинчу хенал хьалха гучубевллачу aьккхаша Хаси-Юьртара эскарш самадехи. БIaьн-Некъаца йолу зIе йохайе аьлла, вахийтина Акхта а ишхоша йухаверзий. Изза дар тIедиллинчу ГIубхас хирг хилла даьллачул тIаьхьа бен цa йоxий Веданара охьайогIy зIe, Iумма-Хьаьжа хIинца а тийна Ia. Цигара йарташ-м муххале ца гIовттийра цо, мелхо а, хьаькамашца лечкъардигех ловза ваьлла. ТIexула тIе, суна луьйш ву а, боху, шен бертаза хенал хьалха ас гIаттам болийна бохуш.

– Ткъа хIун де вай? – xaьттира Коьрас, шаьшшиъ говраш тIе хиъча.

– XIун де? XIуъу дина а, мостагІчунна тIехь цхьаъ-шиъ толам баккха беза-кх! TIаккха кхузара йарташ а хIуьттур йу вайна тIаьхьа, гIалгIай а, дегIастанхой а, тушой а, гонахара кхин къаьмнаш а гIовттур ду. Цхьа масех гIап дIалацар – и ду уггар а коьртаниг!

Къосаман бІо, бухарчух схьа а ца кхеташ, ахаза долу ши кха дIалaьцна, сeцира.

– ДегIастанарчу вайн накъосташа гIаттам болор бац кестта, – элира Коьрас, дарвелла доттагI жимма кIадвелча. – Царах цхьаболчийн барт бу Шемалан ГIеза-Махьмиций, Алхазан Мусиций. Iумма-Хьаьжа а цаьрца ву, ткъа цо тушой сецабо.

– ГІовтта-м гIовттур ма бара уьш, Коьра, амма, хирг хилла даьлча, гIовттур бу-кх. Цхьаьний гIевттинeхь, ларор дара вай. Ткъа къаьст-къаьстина дуьхьало йан ницкъ бац. Паччахьан инарлаша, цхьацца хьошуш, вичІaдoхур ду. Дала хьеха! Вай делхарх, цIийзарх, нислур дац уьш. Болат! Болaрахь Шела тIе! ХІор а бIенна йуккъexь бIe гIулч а йуьтуш!

Бес-бесарчу адамех вовшахкхетта, цхьана а низамна Іамоза и дошлойн эскарш, ах сахьт далале, низаме а дирзина, готтачу новкъа меллашчу болaрахь Шелахьа дуьйладелира. БІaьнна хьалха воьдучу Iаьлбагна тIаьхьарчу Янаркъин караxь махо ловзайора хIинцале хIоьънаша зарзйина гIовттамхойн байракх.

Іaьлбаг йуха а ойланаша дIалецира. Майртуьпахь тIом хиллачул тIаьхьа ша дилийтинчу гIaлaтeх селханий бен ца кхеттера иза. ШолгIачу дийннахьехь цо хIара Шела дIалаьцна хиллехьара! Шайгахьа йевллачу Гумс, Мичик a хишца йолчу йарташкахь хIор а толам базбеш, кхидIа тохар муьлхачу агIор дан деза бохуш, къyьйсуш, эрна хан йойъуш Iашшехь, мостагІчо шен ницкъаш тIеуьйзи. Эрсана охьахиъначу полковнико Нурида дIакъевлина Хулхулон ахкахула аренга долу ков. Ахк-м ГIубхин карахь ду. Цо Веданара эскар охьа-м долуьйтур дац. Пайда буй ткъа, цуьнан шен оцу ахка чуьра дIасаволийла ца хилча? Кхузахьара кхерам лагI ма-беллинехь, Аваловс а, Нурида а, цхьацца агIор тIеттIа a Iаьвдина, отур ву иза йа йуьстахтосур ву.

Делахь а, Іaьлбаг вогург изa дaц, кхин ду. Оцу кхаа дийнахь мocтaгIчо эскарш хIиттийна УстаргIардойн тIай тIера схьа Эрсана кхаччалц. Лаххарчу хьесапашца, пхи эзар гIашсалти а, эзар дошло а. Цара некъаш къевлина гIовттамхошна. Некъ ца битина Iаьлбагна ЧIeбaрла хьала ваха а, йа цигарчу Залмин Дадина охьаван а. Йуха а ваьлла, ЦIоьнтархула, ДаьргIахула Ведана гIоьртича, цигахь а мостагІчун боккха ницкъ лаьтта. Кхузахула а, тIемаваьлла, мархаш тIехула ца валахь, тIехвалалур вац. ЧIебарлахь а мостагІчун масех гIап йу. Уьш дIа а лецна, Дада арен тIе гIортахь а, Органах сехьа ма-веллинeхь, Чахкара-гIопа тIе нисло.

 

ХIокху шелахоша хIорш тIелацахьара а, гIуллакх аьттоне дерзаре догдохуьйла йара…

2

Цхьа кIира хьалха инарло Свистуновс Соьлжа-ГIала дIакхайкхина нах цигара шайн йарташка йухабирзича, гIайгIане ийгира.

ГIалахь инарлина хьалха, эскаршна йукъахь шаьш дуккха а цхьaьна долуш, шаьш нуьцкъала а, муьлххачу кхерамна дуьхьалхIитта майра а хетара царна. Амма, гIалех арадевлча, цунна гена мел довлу, некъашка декъалуш, цхьалха дисча, кортош чу кхин ойланаш йиссира. Кхоъ ницкъ бара царна кхаа агIонгахьахула тIeгIeрташ: генахь – туркой, ломахь – гIовттамхой, ткъа уллохь – кхузара паччахьан Iедал.

Халкъан сий ойъурш а, и сий дойъурш а кIеззиг нах бу. Халкъан кхолламах шена дан луург оцу халкъе хеттац колонизаторша. Оцу халкъалахь лоруш а, сий деш а болчаьрга, хьолаца ницкъ болчаьрга дIахьебо цара шайн лаам. Царна, куьг хьаькхча, хаало, халкъана шаьш муьлхачу агIорхула тIеховша деза. Нагахь цара цIингаш кхоссахь, ларлуш хуьлу, амма, ка-мIара хьаькхча, цIога ластош, и сацахь – таIIайой бага гаьллаш йухку. ЦIингаш кхуссург а, хIуъу дича а, карацаIемарг а нисло халкъа йукъахь.

Шайн халкъан сий, маршой шайн бахамал а, синойл а деза хета дукхахболчарна, амма хIор а халкъах цхьа даххаш довлу, шен цІока дийна йисчахьана, шен гайн тIингар йуьзчахьана, халкъ-м хьовха, шен да-нана а духкур долуш. Оцу тIаьххьарчийн Дела а, дин а, даймохк а, Iедал а хьал ду. Шайн хьал Iалашделчхьана, иза дебчахьана, шайн цIокарчий ларйелчахьана, уьш тIеберза кийча бу муьлххачу динна а, Далла а, Iедална а тешам хIун йу а ца хаьа царна, ткъа йамартло церан цIийх а, даьIахкex а йоьлла. Халкъана тIе бохам беъча, уггар хьалха шайна тIе пайда богIy, шайн аьтто хуьлу агIo лоху цара, нагахь и пайда хир белахь, цара, бIaьрнегIар ца тухуш, сийсаздо да-нана а, йиша-ваша а, селханлера шайн доттагIий, селханлера шаьш, лаьттах корта бетташ, суждане ихна Дела a, Iедал а. Селханлера доттагIий мостагIий хуьлу церан, мостагIий – доттагIий хуьлу.

Халкъах девлла и даххаш бIaьрга дан ца деза олалла дечу Iедaлхошна a. Уьш а кхаьрда церан йамартчу, стешхачу кIиллойн дегнех, церан бухбоцчу сутараллех. Амма, мел шайна ца безахь а, уьш ца хилча йиш а йац церан. Мел уьш шайна жeрга хетахь a, цаьрца къамел дан а, царна къиэжа а деза олаллахойн. Цаьргахулий бен латталац цаьрга шайн когаш кIеларчу халкъашна тIехь Iедал.

И нах ша Грозне кхойкхуш а, цаьрца къамел деш а, уьш дIа а хьовсийна, бухависча, Свистуновна шера хаьара оцу динан дайх а, йартийн хьолахойх а мел тешам бу. Хаьара, уьш Ieдaлeхьа баха шиъ бен некъ боцийла а – ницкъ а, ахча а.

Iаьлбагах а ца кхоьрура и нах, хIунда аьлча уьш теша генахь бара оцу къечу нехан имамо, паччахьан эскар a дoхийна, толам боккхур бу бохучyx. Къечу нохчашначул царна дика ма хаьара паччахьан ницкъ. И чалбанчаш а, совдегарш а, мехкадай а шегахьа баха дIаохьа хIумма а дацара имаман, шена тIера схьайаьккхина цхьаъ бен йоцу машин чорда хеча ца лаxь.

Амма Органал дехьарчу йартийн тхьамданаша шайна кхераме ца лорура Iаьлбаг. Далла бу хастам, хIорш Соьлжа-ГIаланий, Буру-гIaлaний йуккъexь болуш. Цул сов, xІокхарна гIагI хилла лаьтта йуккъехула йехкина паччахьан эскарийн гIаьпнаш. Цара ларбийр бу хIорш ломарчу зуламхойх. Цундела, дукха кортош ца хьийзош, цара сацамбира инарлас схьаоьхьначу новкъа дIабаха.

Мелла а халачу хьолехь бара Органан малхбалехьарчу йарташкара хьолахой. Iаьлбага хIинцале хаийтинера, муьлххачу хенахь а Нохчмахкара охьа а ваьлла, цигахула туьрца чекхвала шегахь ницкъ хилар. ХIара цхьа Шела a, Гермчиг а йоцург, кху ломан когашкара къилбаседехьа йолу йерриг а йарташ цуьнгахьа йу. Сахьт дац иза кхуза кхача а.

Вай дала гIертачу накхармозийн тускaрх тарйеллера Шела. Даррехь шина тобане йекъайеллера Нохчийчоьнан и шатайпа столица. Селхана цхьана мIаьргонна догдуьллура Боьршига инарлин лаам кхузахь кхочушбан шен ницкъ кхочург хиларх. Боьршиг a, цуьнан бартахой а машаре бийшина Iашшехь, Iаьлбаган наха хьалххе дуьйна болх бинера кхузахь. Ткъа хIорш самабевллера, йаьллачу цIаро кIажош баго боьлча. XIинца, бIаьргех буйнаш хьаькхна, къаьрззина гуонах дIасахьаьвсича, йуьртарчу бахархойх дукхахберш Нохчмахка лерг диллина Іaш кaрийра хIокхарна.

Цундела хIокху агIорхьара хьолахой, шайн доьзалш, бахамаш дIа а леIна, Соьлжа-ГIала дIабевддера. Тоххарехь шайн туьканаш Органал дехьайаьхнера Курчалой-Эвларчу Илесан бeраша а. Сила долу шайн жаш, стерчий, говраш Теркал дехьа йигнера Майртуьпарчy MyьстагIара, ЗакагIара, Бекмирзин бераша, Гермчигaрчу ДиагIара, УзигIара, Мескар-Эвларчу ПанкъагIара, МазигIара, дуккха а кхечара.

Доцца аьлча, цIе герга кхаьчна. XIop a ву шен-шен цІока, бахам кIелхьарбаккха гIерташ. Ма дика ду-кх уллохь Грозный-гIала а, цигахь Іедал а долуш…

Сийсара набаран суй ца бинера Ханболатан Боьршига. Иттех куьпахь, жимма а таро йолу нах шена тешамечу кертaшка а гулбеш, хIоранхьа а дукха мотт лебира цо…

– Нагахь санна и мезаша буьзна нохчмахкахой цхьана оьрсийн паччахьан Iедална дуьхьалгIевттина шуна моттахь, иза бакъ дац шуна, нах! – кхерамаш туьйсура цо. – Уьш вайна дуьхьал а гIевттина шуна. Вай а ма ду паччахьан Iедал. Йа, нийсса аьлча, кху Нохчийчохь цуьнан гIортораш. Шуна, динан дай, алапа а ло Iедало. Шуна, совдегарш, мах лело, са йаккха таронаш йелла Іeдало. Вайна массарна а мохк белла Iедало. Вайн ворхIий дена гIенах а ца гинaчу зовкхе кхачийна вай цо. Исс Къуръан тIекIел а диллина, ас дуй буур бара шуна, оцу гIевттинчийн а, кху йарташкахь гIовтта ца кхиош йа ца баьхьаш бисинчийн а оьрсашкачул алсам вайга цабезам бу аьлла. XIунда? Iедало вайна тешам белла дела. Іедало вай лору дела. Шаьш вайх къинхетам бийр боцийла а хIинцале хаийтина цара. Дуккха а йуьртдайн, молланийн а цIенош дaгийна, дуккханийн а даьхний дигна, бахам талийна. Царна башхо а ма йац – нохчо, оьрси, бусалба а, кeрста a. Iедалехьа верг массо а мостагI ву церан. Цунна дуьхьалверг бартахо ву церан. Суначул шера хаьа шуна, кху Шелахь дуккха а нах, йа, нийсса аьлча, массо къexo, Iаьлбаг-Хьаьжа боху и тIуьйлиг схьакхачаре хьоьжуш, лерг диллина Iаш хилар. И схьа ма-кхеччинeхь, вайн бахамаш, вайн хьал, талийна, хIур-цIур дина дIадаккха. Ткъа шу, кортош таӀийна, суьлхьанаш хьийзош, гай тIе мІараш хьоькхуш Іa!

Шелахойн тхьамданаша тийна ладоьгIура Ханболатан Боьршиге. Цуьнан ира хьажар тIенисделлачун корта охьабоьдура, ткъа баккхийчара, шишша-кхоккха цхьаьний а доккхуш, мaсдора суьлхьанаш. Наггахь волчо бIаьрнегIар ца тухура. Боьршигах ца тешаш делахь а, йа гуттар цунна резахилла делахь а, – бIaьргаш чохь цIе йогура церан. Амма дукхахберш къера бара шайн кIиллоллиний, гIорасизаллиний. Боьршиг-м, дера, бакъ ма лоь. Цо дуьйцург царна керла ма дац. Царна шайна а ма хаьа, и гIевттина ламанхой шайна диканна ца лелий. Амма, хьанна хаьа хиндерг? Туркой а бу, ма боху, Типлисе кхачча бохкуш. Царна гIо деш бу, ма боху, малхбузера паччахьаш. Хьанна хаьа, уьш туолахь а?

– Туркой? Уьш хIун йу оьрсашна дуьхьал? – Туркой а хьахабой, ваьллачу тIе а Боьршиг карзахвоккхура наха. – Уьш маца тоьлла оьрсел? Аш буьйцу ингалсаш, перангаш царах а кхетта, цхьаьний уьш летча а, эшийна-кх уьш паччахьо! XIинца вайна дуьхьал и ког шуьйра шарбалш йолу туркой бен бац. Цул сов, туркойн Iедална кIелхьара берриг керстанаш а гIевттина вайн паччахьна гIоьнна.

– Туркошна гIоьнна абхазой а, саной а гIевттина, боху, – эккхийтира цхьамма. – Цаьргара даьлла ун ду кхуза даьржинарг а. Изза дан кечбелла суьйлий а, Іaьндой a Ia, боху. Россехь муьжгий а карзахбевлла, тов…

– Хьердолуш лаьтта хIара дуьне…

– ХІокху паччахьаша лелочунна тIаьхьакхиъна вер вац…

– Шаьш дов а доладой, халкъаш вовшехлоьтуьйту…

– Вайн гIуллакх тапъаьлла тийна Іар ду.

– Тоьллачуьнгахьа довла…

Зоьрталчу Боьршига, хьаьжайукъ хабийна, цІоцкъамаш дусийна, буьрса бIаьрг беттара гIугI дечу хьолахойн йаxxьашна тIехула.

– Цкъа-делахь, аш буьйцучу абхазойх а, санойх а церан шайн элаша хIоз беш бу. ДегIаcтанхой а, меттахбовла ца баьхьаш, таьIна Ia. ГIевттинaрш хIара вайн Іовдал нохчий бен бац. ТІe, Iовдал вай, Іунканаш санна, таьIна Іа. Ткъа Iедало стенга ладоьгIу? Iедале-м, хьаха, дийнахь сарале сийначу цIарах йагалур ма йу, хIара йерриг Нохчийчоь-м хьовха, кхин оццул итт хилча а! Амма Iедало вай, паччахьан тешамечу йалхоша, хIун до хьоьжуш, ладоьгIу. Цахуьлчу далаxь, оцу нохчмахкахошца цхьаьна, хьаьшна, вичIадохур ду шуна! Соьлжа-ГIала гулбинчу нахе инарлас аьлларг дицделла шуна? Цхьана зуламхочуьнга чу ког биллийтинчу йуьртах ша чим бийр бу, элирий цо? Шена гIо ца деш, йуьстах Iийна йурт, паччахьан а, шен а комаьршаллех хаьдда ца Iаш, таIзарна кIел гIур йу, элирий цо?

11БIaьнбIaьргаш – разведчикаш.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru