bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

Х корта. Кечам

Цкъа схьа карадуьйлал шу,

ТIаккха сихха гойтур йу

Тхайн набахтийн чIагIалла,

Йуьйцинчу шодмийн ондалла,

Болатан буржалш туса а,

Сибрех шелехь уьш лело а –

Дерригенах кхетор ду, шайн

Хьоме лаьмнаш схьа ма-делли…

Т. Г. Шевченко. «Кавказ»

1

Кхушара хьалххе йеара бIаьсте. ХIетта хьалакъеддачу буьйдачу бацо сенйинера маьлхан басеш. Хьаннийн йистошкахь гучудуьйлура кIайн, можий, сийний зезагаш. Сенарш даьхнера хьаьрсачу хьечаший, туьркаший. Цхьа бутт бара даьхний дажа лоьхку. Дежийлашкахь хIинца а буц йацара, амма, сарралц кхаш тIера гIовда лехьайой, туьппалгаш санна а хуьлий, цIа доьрзура уьш.

Амма бIаьстенна аха араволуш ХортIий, кхин цхьа масех стаггий бен вацара Гати-Юьртахь. Хиндерг цахааро дог даьккхинера дерригенах а. Шаьш кху махкахь дуьсург хиларх тешам байъинера нехан. Йа Турце, йа Россех – цушиннах цхьанхьа. Шахьби коьртехь волуш цхьа иттех доьзал Турце кхалха кечлуш бара. Бисанчийн ойла йацара махках бовла. Нагахь шаьш нуьцкъала махках даха йа керста дине дерзо хьовзадахь, зударшций, берашций цхьаьний летта хIаллакьхила сацам бина, севццера уьш. Амма йалташ дерна кечам бан гIерташ вацара цхьа а. ХIун до эрна къахьегна? Къиза балица оханаш а дина, даа а доцчу йалтех даьккхина xIy а тесна, цара и кхиийча, тIаккха а ма ду иза салташа буьйда доллушехь хьаькхна охьадуьллур.

МIаьчига бехк ца буьллура нахана. Кху тIаьххьарчу ткъе итт шарахь масазза хIаллакдинера церан йалташ. ТIаьххьара минот тIехIотталц летий, дийна бисинарш орца кIегарбовлура уьш. ТIаккха йолалора акха къизалла. Уггар хьалха цIе тосура йуьртарчу цIенойх. Дагадора цара Iаьржачу денна хьежо йалтийн рицкъанаш, Iаьнна кечдина докъарш. Дагаршца хедош, охьадохкура хиллачу стоьмаша саттийна бошмашкара дитташ. Хьайбанаш шаьш ларочулла дIадуьгура, дуьсучарна тоьпаш йеттара. Ца дуьтура кхаш тIера хилаза долу йалташ а. Мангалшца хьоькхуш, говрашца хьоьшуш, хIаллакдора.

Дайшкахь дуьйна схьа масех бIе шарахь цара хьацарца IаIийна материале а, культуре а хьал цхьана дийнахь акхараллица хIаллакдора къацахетарша.

Селхана шайн хIусамаш а, даа рицкъа а, кертахь даьхний а, кхаш тIехь кхуьуш йалташ долуш хилла доьзал, шолгIачу дийнахь уьш цхьа а доцуш, йерзинчу стигал кIел буьсура. Бахам хIун дара. Оцу дийно дийнна доьзалш хIаллакбора, ткъа йуккъера цхьаъ-шиъ ца хьош цхьа а доьзал ца буьтура.

Ма дукха догIура иштта денош Iай а, бIаьста а, гурахь а, аьхка а. Дуьззинчу ткъа шарахь Нохчийчоьнна тIехь хаддаза лаьтташ Iаьржа кIур бара. Муьлххачу а буса, гIеттина, гу лекха а ваьлла, дIахьаьжча, маьI-маьIIехь гора, стигал йажа гIерташ санна, xIaваэхь, цкъа дахлуш, йуха сетташ, ловзу цIерийн цIен меттанаш.

Цкъа хьалха талораш дой, тIаккха и къематде а хIоттадой, шайн гIаьпнашка йухадоьрзура паччахьан эскарш, ткъа, йаьгна, алу хилла лаьттачу йуьрта йухабирзина бахархой шайна миска хIусамаш йогIа хIуьттура. Iаьнан шелах а, бIаьстенан, гуьйренан йочанаш кIел а.

МIаьчигна цкъа а ца дицлора ишттачех цхьа де. Гати-Юрт талийна, йагийна, бошмаш хедийна охьа а йехкина, кхаш тIейаьлла отряд, хIетта пхьаьрке баккха йоьлла хьаьжкIаш хIаллакйан йуьйлира. Салташа болх бора мангалшций, маьрсашций, таррашций, шаьлтанашций. Йуккъехула говраш хьийзош, отуш, охьадохкура сийна гIодмаш. Мукъа ца Iара эпсарш а. Мукъа ца Iийра оцу дийнахь инарла а. Йуккъерчу дегIахь, горга йуьхь, лекха хьаж, Iаламат хаза дуькъа Iаьржа мекхаш долуш волчу куьцечу къоначу инарлас, салташна хьалха а ваьлла, тур детташ цхьа доггах хьоькхура МIаьчиган ирзо тIера хьаьжкIаш. Салтийн дог-ойла гIатто, сих-сиха цаьрга мохь а тухуш забарш кхуьйсуш. КIайчу йовлакхца наггахь хьаж тIера хьацар дIа а хьокхуш.

МIаьчигна ца хаьара цуьнан цIе. Иза инарла барон Ипполит Александрович Вревский вара. Элан Александр Борисович Куракинан крепостной гаремехь къотIалгIа вина кIант, ден доттагIчо, австрийски императоро Франца I-чо, баронан титул йелла.

Россерчу крепостной лоллина иэхь кхайкхош, декабристех дог лозуш волчу бароно Вревскийс чим беш йагайора нохчийн йарташ, къиза хьоьшура империна чоьхьа, океанна йуккъехь жима гIайре санна, кху лаьмнашкахь тIаьххьара йисина маршо.

Цо, салташна хьалха а ваьлла, доггах хьоькхура МIаьчиган ирзон коржам тIера сийна хьаьжкIаш…

Шаьш хьегначу къих изза хиларна кхоьруш, йалташ дерна кечам ца беш Iара Гати-Юьртара дуккха а нах.

МIаьчига ша тIеоьцу сацам шортта ойла а йой оьцура. Цкъа биначу сацамна тIера йуха а ца волура. Шахьбин гIоьнца кхелхачийн списки тIе а йазвелла, новкъа вала кечам бан вуьйлира иза. Дерриг а дIадоло дезара паспортна тIера. Кхелхачарна паспорташ дахар шена тIелецира ХортIас. Делан дуьхьа доцуш, ткъа xIoраммо а шена цхьацца туьма делча. Иза шена оьцу-м, ца бохура цо. Пурстопана а, округан начальникна а шун хIоттой, БуритIахь хьаькамаш хьастий деза шена, бохура. Кхалха луурш дукха бу, ткъа Iедало уьш массо цхьана шарахь дIа ца хоьцу. Шен куьг хьаьстинчун гIуллакх до. Дерриг дIадолало пурстопна тIepa. Кхалха безарш, йазбой, цо округан начальнике дIало, цо, цигахь луьттий, БуритIа шел лакхарчуьнга хьала ло. Цигахь сардало чIагIбо. ХIетте а, паспорташ йаздечара гIуллакх ца до, шайна жим-тIама хIума ца йелча. Цул сов, ХортIас кхин гIуллакх а дира МIаьчигна. Сту иэца Iедалера кхо туьма даьккхира цунах ах шена лург. ТIаккха, паспорт хьайн карахь долуш санна, шеквоцуш новкъа вала кечамбе, элира цо МIаьчиге.

Кхин йохка хIума-м йацара МIаьчиган, шен йетт а, старгIа а дохка тахана Оьрза-ГIала веанера иза. Йуххехьо, Шелахь а, дера, йара керла йиллина базар-м. Амма цига дукха адам листалора. ХьастагIа цу базарахь де дайъира МIаьчига. Дагестанера, ХIирийчуьра, Гуьржехара адамаш дара нахера даьхний эца цига таттаделла, и базар сийсош. Массарна а йорах йезара оьцург. ДIайухкучу хIуманан ах мах хедабора, цхьабарт бича санна. Хаьара, шаьш ца эцча, цаьргара уьш эца кхин воцийла. Узу хьелий дорах, дIадужу хьайбанаш деза дара. Нохчийчохь цхьаммо а ца духкура стерчий, бугIанаш. Кхелхачарна ворданашна, ткъа цIахь буьсучарна бахамехь оьшура уьш. ГондIарчу къаьмнех болу нах, цунах пайда а эцна, санаш йохуш лелара. Шаьшкара даладой, стерчий, бугIанаш мехала духкура, ткъа кхузахь дорах эцна хьелий дIа а дуьгий, йоккха сайоккхура.

Оцу мехашна реза а ца хилла, гIалгIазкхашлахь мукъана жимма мехехь шен даьхний духкийла а, стерчий оьцийла а хир дацара-те аьлла, веанера иза Оьрза-ГIала.

Сийсара АндригIаьргахь буьйса а йаьккхина, Iуьйранна хьалххе базара ваьллера иза. Вуьшта а халла Iаьнах даьлла йеттий, старгIий, бехачу некъо гIелдина, гуттар дакъаздаьллера. Селхана иза а, Коьра а кхуза кхаьчча, чожаш чу а кхетта, массо пIенда тIе а баьлла, настарш йегош, халла ирахь соьцура уьш. Сийсара Андрис сийна йол а, хIоъ а баийна, диларш мийлийна, дузийна и шиъ тахана жимма бIаьрла гора.

XIapa кхалхар йукъадаллалц бежанийн мах туьманера хьала кхаа туьмане пхеа соьме болура, ткъа стерчийн мах пхийтта сом, ши туьман пхи сом бара. Кху некъехь мел дикачу аттах а ца лора шина туьманал пхеа соьмал тIех. Стерчийн мах хьалабаьллера.

Базарахь даьхнина улло хIоьттина латтар бен, цхьаьнцце мах буьйцуш вацара МIаьчиг. Оцу дийнахь шен болх а, садаIар а дитина цуьнан гIуллакхна араваьллачу Андрейс, цкъа хьалха МIаьчигца мах хIоттийна, йетт а, старгIа а дохкаран гIуллакх шен караийцира. МIаьчиган йетт, дIора дикачу даьхнех а боцуш, амма хаза дегI долуш, машанна дика йетт бара. Хьалха-м лаххара а кхо туьма лур дара цунах, амма тахана цхьа а пхийтта соьмал хьала ца волура. Цхьадика, старгIа Iуьйрре дIайоьхкира цара шина туьманах кхаа соьмах.

– Пхийтта сом лур ду шуна аттах, – олура тIе мел веанчо.

– Хьо хьера-м ца ваьлла? Пхийтта сом бохург хIун ду хIоккхул нисбеллачу аттах! – оьгIазъоьхура Андрей.

– Йетт хилла лаьттара xIapa заIар! – пIендаршна тIе пIелгийн голаш йетташ, вота санна, гай йекайора гIалгIазкхаша. – Пхийтта сом – кхин кепек сов лур дац.

– Баркалла хьуна! Хьайн стунненера оьцур ахь.

Сов дала гIоьртинарг кхечара йухавоккхура:

– ХIей, гIалгIазкхи, эрна ахча ма дайъа! Жимма Iийча, и кIунзал вай бохучунна тIебогIур бу хьуна. И ца боьхкича, шен туркой болчу кхелхийла ма дац цуьнан. Ткъа вай ца эцча, цуьнгара иза эца кхин стаг вац.

– Ши мах белла а, и къуй сихха гучуьра дIабахар гIоли хетара суна-м.

– Ма кхералахь, гIуp бу хьуна уьш! Ца гIахь, вай xIapa aгIo а къахьйийр йу!

МIаьчиг ца кхетара цара дуьйцучух. Амма церан терсаро а, цабезамца къегачу бIаьргаша а иза кхиавора церан къамелах. Андрейс дов ца дора цаьрца. Резавоцуш корта а лестош, доцца кхуссура:

– Декъаза адамаш! Дегнех тIулгаш хилла-кх шун!

Ша деш хIумма а доцуш цига хIоьттина латта кIордийна МIаьчиг, Андрейца Коьра а витина, цIа воьдуш накъост карорга догдохуш, вевзарг гойла хьажа, базар йукъа велира. Дохка даьхний далош а, цхьацца йийбарш йохьуш баьхкина а дукха нохчий бара цигахь. ДIа мел хаьттинарг Теркйистера хуьлура. Масех стаг вара Гуьмсера а, БоргIанера а, Устрада-Эвлара а. Амма царах цхьа а МIаьчигна вевзаш вацара. Нохчмахкара стаг карорах дог а диллина, йухавирзина иза цIеххьана тIеIоттавелира шина шелахочунна. Шиннах цхьаъ – ДанчIа – МIаьчигна вевзара. Цкъа-шозза Берсица цхьаьна Аьрзу волчу веана гинера цунна иза.

– Ассалам Iалайкум! – генара велахь а, вевзарг карийна хазахетта, вахана ДанчIина маракхийтира МIаьчиг.

– Ва Iалайкум салам! Делера маршалла хуьлда хьуна!

– Хьо лаа лелий, ДанчIа?

– Механа веана-кх.

– Хьо маца ваьлла севдгалла лело?

– Севдгалла! Хонкара кхалха кечамна араваьлла-кх.

– Ой, хьо-м вац хир ву цига кхелхаш?

– Уггар хьалха боьлхучаьрца.

Цецваьллачу МIаьчига дIа ца хоьцура ДанчIин куьг.

– Ой, хьан доттагIий Аьрзуй, Берсий, Маккхаллий туьран дитт хилла дуьхьалбевлла ма бу оцу кхалхарна?

ДанчIин догдика йуьхь кхоьлира. Цуьнан бIаьргаш чохь боккха сингаттам гора МIаьчигна.

– Резаволуш ца воьду со, МIаьчиг.

– ТIаккха?

– Тхан цIийнан тхьамданаш бу цига кхелхаш. Ас дукха корта биттира цаьрга, цIахь Iе бохуш. ЛадогIац. Кунта-Хьаьжин вирдехь ма бу уьш. Шайн устаз цига вигна, цунна тIаьхьадоьлху шаьш, боху. Царах а къаьстина, цIахь муха Iийр ву со? Сан лелар-м, дера, сан бертаза ма ду. Цаваьллачу денна, йиша-вешех ваьлла ца Iен.

 

– ХIаъ, дерриш дIагIор вай! – оьгIазе вистхилира пхьарс боцу ДанчIин накъост. – Цигахь вайна цIенош дина, бошмаш кхиийна, йалтех доьрчий дуьзна, вай дIакхачаре хьуьйсуш, шун а хIоттийна Iаш бу туркой. Iовдал нохчий!

ДанчIас резавоцуш корта хьовзийра.

– Цхьаберш Iехабелла кхелха, важаберш кхерабелла кхелха. КхозлагIниш тешна бу кхузахьчул цигахь шайн дахар дикахо хирг хиларх.

– Боьрша бац! – уллохь лаьтта нах цецбохуш, мохь хьаькхира Iалхас. – Боьрша бац нах! XIapa латта керстанна дIа ца дала, лиэташ белла вайн дай! ХIинца вай, цхьаммо когаш тоьхча, довда кечделла Iа. Йайна тIаьхье!

– ХIай, къонах, хIай, и хIун ду ахь дуьйцург? – ша волчуьра схьа вистхилира дехьо лаьттачу нахах цхьаъ. – Нах-м хазахета ца боьлхий цига, цабевллачу денна боьлху. Кхузахь мацалла ца бала. Шайл тIаьхьа шайн берех керстанаш хиларна кхоьруш, шайн зударий сийсазбарна кхоьруш. Шен са дадийна ца воьду цхьа а!

Оцу стагаца Iалха дов деш а витина, Андрейний, Коьриний тIевахара МIаьчиг. Ша дIатесначохь и ца гape догдохуш, генара дуьйна бIаьргашца шен йетт лоьхура цо. Амма йетт цара Iуьйранна дIатессинчохь лаьттара, чож чу а кхетта, настарш тIехула охьа кхош ихна, кхузара дIагIо вай бохуш санна, тIевогIучу МIаьчиге гIийла хьоьжуш.

– Шина туьманал тIех кепек ца ло цхьаммо а, – элира цуьнга Андрейс, доккха са а даьккхина. – Ткъа кхуьнан лаххара а ткъе пхиъ сом мах бу.

– ДIалур бара-кх. Ас-м берхIиттаннах луо, ма элира хьоьга. Даьхний дорах ма ду. ТIехула тIе, ши сту боцуш дIа гIойла а ма дац сан, – гIелвелира МIаьчиг. – ТIаьхь-тIаьхьа даздала мега стерчий.

– Гуш лаьтташехь пхи сом зиэн а муха дийр ду? Хьо санначу мискачу стагана, махках волуш а хилча, цхьа кепек дерг а дуккха ахча ма ду. Де суьйренгахьа лестича, ткъе пхиъ даларга догдохура ас. И шиъ безаш хьо гуонаха хьийзина ши сту хIетале цхьамма эцарна а кхоьру-кх. Дика мехехь, кегий догIмаш долуш, кхаба атта хир болуш ши сту бу и шиъ.

МIаьчига гIийла бIаьрг туьйхира дехьа кертах тесна лаьттачу тайшачу шина старе. Лоха, горга, кегий догIмаш долуш, каде хир болуш ши сту бара и шиъ. Дика-м, дера, даккхий стерчий ма дара. Амма, цкъа-делахь, МIаьчиган ницкъ бацара даккхий стерчий эца, шолгIа-делахь, хьанна хаьа, гена новкъахь лело хала хила а ма тарлора. Кхаба атта хир болуш, ламанан ши сту бара гIумкичо бухкург. Iуьйранна-м ворхI туьма доцуш ца белира цо и шиъ. Оццул ахча МIаьчиган хуьлийла а дацара.

– Оцу шина старах хIун дала реза хир вара хьо? – хаьттира цуьнга Андрейс.

МIаьчига, цхьана кога тIера вукхунна тIе а вазвелла, кIесаркIаг чу мIараш хьаькхира.

– Жимма хьалха-м, шина стеран мах, мел дIасабиттича а, деа туьманал, деа туьманал пхеа соьмал тIех бер бацара. ХIинца даздина-кх уьш. Тхан бохамах пайдаэца гIерташ воллу-кх массо а, – доккха садаьккхира цо.

– Иштта кхоьллина-кх xIapa дуьне. XIop a воллу шел гIорсизниг дIакхалла цхьана бохамо йукъахьарчийнарг лоьхуш.

Даьхний хьекхалуш, адамаш тIехуьйшуш, тIетийжаш къагийначу йуьйцинчу кертах тевжина, цхьана ханна дIатийра Андрей. Шен сийна ши бIаьрг лаьттан бIаьра а боьгIна, стаммийчу пIелгашца месала Iаьржа маж а къажйеш, цхьана хIуманан-м ойла йора цо. ГIуллакх ца хуьлуш МIаьчиган цIаверзар нисдаларна кхоьрура иза. Цхьана гIуллакхна йух-йуха а базара эхаро зиэн ма до. ТIехула тIе, даьхний дено-дено дазлур ду. Миска, куьйгаш пхьуьйшашна чучча а доьхкина, корта белшаш чу а оьзна, махана букъ тоьхна, и бохбан гIерташ, ша волччохь когаш бетташ воллу. Амма кхузарчу шийлачу махана дуьхьало йалац цунна тIерачу эттIа, цаца хилла кхозучу чордачу машин чоэга а, хечега а, чу къаж йоьллина, берзинчу когашна тIейуьйхинчу йакъайеллачу неIармачашка а. Кху йуккъехула, цхьа хIума кхосса дагахь, кхулуш йу стигал а. Сенбелла Коьрин мара а. Йуьхьа тIера тхин чоьш ирахIиттина. Ткъа xIapa де xIop а сахьтехь шеллуш ду.

– Хьоьгахь ахча мел ду, МIаьчиг? – хаьттира Андрейс цIеххьана.

– Ас цIера деана пхийтта сом а, старгIанех делла ши туьман кхо сом а ду-кх.

– КIезиг ду.

ТIаккха, жимма Iийна, йуха а вистхилира иза:

– Оцу шина старах хIун дала реза хир вара хьо?

– Делхьа, хаац суна-м. Пхи туьма, пхи туьман пхи сом доцуш, хьала а, охьа а, лур бац-кх цо и шиъ.

– Цунах белча, оьцур барий ахь?

– Муха ца оьцу? TIeйогIучу базарахь кхин а деза хир ма ду уьш.

– Делахь, вало, вайша мах буьйцу. Нах тIегIерта боьлла цунна.

Цецваьлла МIаьчиг акъваьлла висира:

– Йетт ца боьхкича, мах буьйцийла ма дац.

– Ас сайна буьту xIapa йетт, – элира Андрейс.

МIаьчиг ца кхийтира. Селхана дуьйна цхьаьна ву и шиъ. Йа Андрейс а, йа цуьнан зудчо Наташас а, йетт оьцур бара аьлла, хьахош ца хезира цунна.

– Цхьаммо ца лахь а, кху аьттан мах ткъе пхиъ сом бу, МIаьчиг – элира цо. – ХIокхунах и лур дац базарахь кху цхьана-шина баттахь, шу кхелхарш кхелхина дIа а девлла, хIуманийн мехаш шайн лар тIе бовллалц. XIapa йетт сайна а битина, и ткъе пхиъ сом лур ду ас хьуна. Жимма Iийча, базара ма-баьккхинехь, и ахча суна хьаъа а лур ду кхунах.

Дагахь доцуш цIеххьана шен хиллачу аьттонах воккхаве МIаьчиг, цхьана aгIop – воккхавеш, вукху aгIop, хIаъ аьлла, резахилла тIе а тайна, гуш лаьтташехь Андрейна коча бала муха тосур а, ца хууш, воьхна, шен шелделлачу куьйгийн пIелгаш сеттош, лаьттара.

– Андрей, со бахьанехь хьуна бала хуьлийла ца лаьа суна.

– И ма дийца. Нагахь ас динчух хьуна гIуллакх хилахь, цул доккха хазахетар дац суна.

Цхьана эха сохьтехь мах бийцинчул тIаьхьа гIумкичуьнгара пхеа туьманах пхеа соьмах эцна и ши стуй, Андрейс шена битина йеттий хьалха а лаьллина, АндрейгIаьрга дIавахара уьш кхоъ.

2

ХIаваэхь лайн чимаш хьийза доьлча, шайн шийлачу духарх кхеравелла, цIа ваха тохавелла ДанчIий, Iалхий урамехь цIеххьана полковникна Белликна тIеIоттавелира.

Нохчашца чIогIа тIекере стаг вара полковник. Ткъа царна ца хаьара цуьнан хаза хабар, цо лело гIиллакх – уьш дерриш моттаргIанаш йуйла. Айкхашкахула гулбечу хаамех кхачо йина ца Iаш, миччахьа а ша тIекхаьчначуьнца говза хабар доладой, мелла а хаамаш гулбора цо.

– О, сан хьеший шелахой бац хIорш! Марша догIийла шу! Ма воккхаве со шу гина! – даим а, ша цхьа Iалашо йолуш, цхьанна тIекхаьчча ма-хиллара, тIекаре велира полковник.

– Марша Iойла хьо, Беллик! Берриг нохчий Турце боьлху, – элира ДанчIас, маршалла а хаьттина.

«ХIара нохчий Турце кхалхаран гIуллакх тIаьхь-тIаьхьа тамашийна хуьлуш ма лаьтта. ХIокхара, иштта тIекхаьчча, схьадуьйцучуьнга ладоьгIча, шеко йац аьлла, хетало. Амма дагахь ма-дарра муха дийцийталур дара-техьа?»

Цхьана секундехь и ойла йинчул тIаьхьа, полковнико сацам тIеийцира:

– Суна хьешаша сайца бепиг-туьхий кхоллийла лаьа. Дуьлол со волчу хьошалгIа!

– ХIан-хIа, Беллик. Тхан цIа даха деза, – йухагIоьртира ДанчIа. – Суьйранна Илсхана-Юьрта кхача веза тхойша.

– Цунах-м бахьана хир дацара. Йуьрта веача, ас ма йоу шун сискал. Цхьаьний охьахевшина, цхьацца кад чагIар мер вай.

Iалхин барзакъе хьаьжча, шийла дара и де. Цунна тегна хан а йицйеллачу чордачу чоаной, дерзинчу дегIа тIейуьйхинчу гIовталой дуьхьало ца йора шелонна. ХIуьттаренна санна, цIеххьана шелделира xIapa де а. Беллика чагIар хьахийча, тIаьхьахIотта лиира цунна.

«ХIара гIорош лаьтта цIий жимма долалур ма дара, цхьа-ши кад чагIар мелча», – ойла йора цо.

– Валохьа, ДанчIа, гIyo вайша, – элира цо, ДанчIега дуьхьало ца йайта, шаьшшинан говраш а човхош. – ХьошалгIа кхойкхуш хилча, хIан-хIа бахар гIиллакхехь ма дац. Цхьана сохьтана вайша тIаьхьависарх, галдала хIумма а дац.

Хьеший шен кабинет чу бигира Беллика. Довхачу цIа чу а ваьлла охьахиъначу Iалхин дог-ойла гIеттира. Пенах кхозучу дерриг дегIаца доккха диллинчу императоран Александр II-чун суьрте а хьоьжуш, чехкка дуург-мерг чударе сатуьйсуш Iара иза.

– Иза хьенан сурт ду, хаьий шуна? – хаьттира полковнико, шен хьаша цуьнга леррина хьоьжуш а гина.

– Дера, хаьа. Цо хаийтина тхуна, ша мила ву, – сихха жоп делира Iалхас. – Iалелай, цуьнан дукха мидалш! Уьш хIун динчунна йелла цунна?

– Россис мостагIашна тIехь боху толамаш цо бохуш ма бу. Иза-м вайн массеран а да вай.

– Дера, ву дика да! – цавешаш муцIар саттийра Iалхас. – Цо а, цуьнан дайша а тхан халкъан Iенийна цIий, тхоьга хIоттийна балий бицлур бац тхуна цкъа а. ХIинца а цуьнан мидалшка хьоьжуш, хетало, царна тIера цIий ледаш санна, уьш адамийн кортойх йича санна. Дукха адамаш дайъаран билгало йу-кх мидал? И жаIар маса стаг вийча йелла хьуна? – хаьттира цо Беллике.

– Со паччахьан лай ву, Iалха. Цо аьлларг дар сан декхар ду. Ткъа цо дIакхоьхьург Дала шена гайттина некъ бу. Хьан мидалш йац, амма ахь асчул дукха дайъина адамаш.

– Адамаш дайъа, хьо санна, цхьаннахьа а ца вахана со. Ас байъинарш-м сой, сан доьзаллий хIаллакбан, соьгара маршо дIайаккха, сан махка, сан цIа чу гIертарш бай. Ткъа аш хIун леладо, суна хаац. Тхо а, шайн муьжгий а вовшахлоьтуьйтуш, хIаллакде, уьш а, тхо а Iазапехь дахкаде, боху цуьнга Дала? – суьртехьа корта тесира Iалхас.

Даар-малар чохь шун карахь цIа чу йалхо ваьлча, дагна там хилира Iалхина.

– И шайн аьрха амалш а йитина, вуон а ца лелаш Iахь, хир дац шу хIаллак. Шу шаьш ду бехке. Шун лулахойн гIебартойн, хIирийн, гIумкийн, гуьржийн, шун вежарийн гIалгIайн цIий ма ца Iаний? Гой хьуна, аш карзахбехи тхуна къарбелла кIелсевцна дагестанхой а. Ткъа тхан муьжгийн дахар а дац ахь ма-дуьйццу вуон а. Царна маршо йеллийла ца хаьа шуна? Цул, уьш а дитий, вешан кад дIамалий вай! Шаьш Турце кхелха, бах аш? ХIан, дIаэцал кедаш. Дала некъ нисбойла шун!

– Амин!

Iалхас шен кад вист ца хуьлуш дIамелира.

ДанчIас шениг, бете а баьхьна, охьахIоттийра, амма Iалха тIе урх йиллина мала волавелира.

– Шу хIунда доьлху Турце? Тхоьца вуон ду шуна? – хаьттира Беллика ДанчIега.

– Мел вуон делахь а, Iийр дара тхо-м. Латта ца хилча, тхо муха дехар ду кхузахь? Тхан латта аш дерриг дIадаьккхина, цундела цхьаболчу нехан туркойн махка кхалха ойла йу. Нагахь тхо бертахь кху махкара дIа ца довлахь, нуьцкъаха тхоьгара герз дIаэца, xIop а син цIарах цхьацца туьма йасакх йаккха, салт баха уьш аьлла, дина омра ду, боху, паччахьан. ХIинца хаьий хьуна, кхузахь дийна Iен тхан йиш йоцийла?

– Уьш-м хабарш дара! Полковнико Муравьевс ца дийцина шуна и хабарш цхьа а тайпа бух боцуш хилар? Паччахьо иштта эр дац, цунна шу дукхадеза. Кху пачхьалкхера дерриг халкъаш, йукъара цхьаъ къасто йиш йоцуш, цхьа доьзал ма бу цуьнан.

– ХIан-хIа, Беллик, ас дуьйцург бакъ ду. Ткъа полконако тхуна дийриг дуьххьалдIа маслаIат ду. Нохчийчохь цIарна а цIейахана, Далла санна, паччахьна а муьтIахь тхан наиб Сайдулла, IалгIула, Боташ, кхин масех молла а ву халкъе и дIакхайкхош. Тхо туркойн махка ца кхелхича девр дац. Цигахь, тхо санна, бусалбанаш а, бусалба паччахь а ву, тхуна къастийна, xIapa тхайниг санна, дика латта а, хIусамаш а йу, боху.

– Ткъа нах реза буй Турце кхалха? – иза зиэн гIертара Беллик.

– Дай баьхна латта а, дайн кешнаш а дитина, винчу махках валар мел хала делахь а, Iедалх кхерабелла цхьакIеззиг нах, шайн миска бахамаш бухкуш, цига дIабаха кечлуш бу. Цхьа таронаш йерш. Амма дукхахберш кхузахь совцур бу тIаьххьара минот тIехIотталц, шайга, дала лаьа шуна йа даха лаьа шуна, аш аллалц.

Белликан а, ДанчIин а къамеле сема ла а доьгIуш, шена дуьтту чагIар а муьйлуш Iачу Iалхас, цергаш а хьакхийна, цхьаъ бен боцу шен беза буй стоьла тIе тоьхна, пхьегIаш ирхйахийтира.

«Варраш-йаI, лергаш деха варраш! Шу-м, шайга жимма а хаза вистхилча, ца мегий», – шен дагахь кхин а маьттазчу дешнашца хьешашна неIалт хьежош, мундира тIе деттаделла чагIаран цинцашна йовлакх хьаькхира полковнико.

Накъосто динарг ца тайна, ДанчIа бехкбоккхуш хьаьжира Iалхе, амма цуьнан бехна цIийбелла богучу бIаьргаша иза кхетийра цунна моха йеана хиларх.

– Иштта лелча гIиллакхехь дац, Iалха, – элира Беллика шен оьгIазвахар халла дIа а тедина. – Хьо-м нехан хIусамехь вай…

– Со вац нехан хIусамехь, хьо ву! Со сайн махкахь ву, ткъа хьо хьан кхайкхина веана кхуза? Хьайн цIа делахь, цIахь Iе! – Iалха, ша волччохь хьала а айъавелла, полковникна тIекхевдира. Цуьнан багара Iаь шен йуьхьа тIекхетча, важа дIахьаьвзира. – Суна оьздангалла Iамо гIерта хьо? Цул, со къаьркъа мала ма Iамийнехь! Шун къаьркъано, шун къизалло адамийн гIиллакхах, тешамах вохийна, адамалара ваьккхина лелош вац со?

Iалха дукха генавала воллийла хиъначу ДанчIас, хьала а гIеттина, нуьцкъаша гIанта охьахаийра иза.

– Хьуна ца гира, ДанчIа, ахь вай Хонкара гIyp ду аьлча, хазахетта, цуьнан йекхайелла йуьхь?! Дера, бохку, вайн махкахь хаза ши ког хецна, шайна парггIат баха ховша! Хир дац шуна иза, хезий хьуна? Тхо гIyp дац туркойн махка йа баха гIертарш а бохуьйтур бац! Цигахь а йу Iожалла тхоьга хьоьжуш, кхузахь а йу иза, бага а гIаттийна, тIехула хьийзаш. Амма кхузахь Iожалла тIеэцар хIумма а доцург ду, хIунда аьлча xIapa тхан даймохк бу, кху лаьттах бохку аш байъина тхан дай а! Хезий хьуна, полковник, тхо гIyp дац туркойн махка! Ткъех шо хьалха хиллачун ах а ца дисина тхо, амма вай кхин цкъа а тарраш морзахдохур ду!

 

«Эххар а схьаIеттий цо шайн дагахь дерг. Кхин кIорге гIерта а ца оьшу. ШовзткъалгIа шо йуха а карладаккха гIерта хIорш. Иза дара-кх суна хаа луург. ХIинца, гIиллакхна жимма къамел а дина, ара а йаьхна, дIахьовсо йеза xIapa акхарой, – ойла йора Беллика. – Тахханехь Михаил Тариэловиче дIахаийта деза xIapa гIуллакх…»

ДанчIас бехкбоккхуш човхийна Iалха дIатийра. ТIаккха цхьана ханна тийналла хIоьттира чу.

– Iалха, хьо гIалатваьлла. Тхуна ца оьшу xIapa шун лаьттан коржам. Доза дац Россин мехкан. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте шина шеран некъ бу. Iедалан законаш къобалдина, кIел ца совцахь, цкъа а кху махкахь паргIато хир йац шуна.

– Шун законаш а Iожалла йу тхуна, туркойн махка кхалхор а, тхоьгара герз дIадаккхар а Iожалла йу тхуна. Тхо Iаддадита, оха а ца кхийдадо цхьаьнгге а тхешан гIиллакхаш!

– Карзах ма вийлахьа, Iалха, – хьаьстира иза Беллика. – ХIинца шу санна, карзахбевлла бара кхо бIе шо хьалха казански г1езалой. ХIетахь хиллачу оьрсийн паччахьо Иван Грозныйс нуьцкъала караберзийра церан мохк. Шайгара герз дIаэца доьлча, хIинца шуна санна, шаьш лийр ду моьттура царна. ХIинца гой шуна, топ муха кхуссу а ца хууш бу уьш, амма, цхьа а хIума ца оьшуш, шайна токхе беха. Аш хIун до герзах? МостагIех оха шу лардийр ду, ткъа шу, шайна маьрша къа а хьоьгуш, дехар ду.

– Оха тхаьш лардийр ду тхайн! Тхо зударий дац аш лардан! – мохь хьоькхура Iалхас.

– Хьанна хаьа, Беллик-сардал, ахь буьйцу и Казанера гIезалой санна, тхешан бераш салте а луш, цигахь царна хьакхарчий йаайойтуш, хила мега тхо а мацца а цкъа, – элира ДанчIас, доккха са а даьккхина. – Амма Дала ша тхуна белла мохк цо ша тхоьгара дIабаккхалц, тхо бусалбанаш мел ду, иза хир дац. Оцу хьола тIе довлучул, тхо туркойн махка гIyp ду, ткъа Iалхас ша вехна хабар дуьйцу.

Кхин хабар ца дуьйцуш хьалагIеттина ДанчIа, Iалхица ара а ваьлла, иза халла говра а ваьккхина, Оьрза-ГIалех аравелира.

Ткъа шаьшшиъ араваьллачул тIаьхьа охьахиъначу Беллика, цаьршинца хилла къамел, Iалха паччахьна лер доцург, дерриг тIе а дуьллуш, Лорис-Меликовга донесени йазйар цаьршинна цкъа а ца хиира.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru