bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

Туркой дIабаханчул тIаьхьа оцу дийнан йисина хан а чекхйелира, даим а санна, белларш дIабухкуш.

МаьркIажан ламазаш динчул тIаьхьа туьпахь кхеташо гулйира Аьрзус. Тхьамданашка цо дIакхайкхийра туркойн инарлица шайн хилла дийцарш. Цхьаъ санна, массо а дуьхьал вара Диарбекиран виллаетан махка кхалха. Нагахь дитахь, кхузахь Iийр ду вай, ца дитахь, йуханехьа кIегар гIур ду, бохура цара.

– Оьрсийн Iедал дуьхьал ду, боху, вай кхузахь совцарна, – элира Аьрзус. – Ма-хуьллу вай генадаха гIерта уьш.

Сацам хилира нохчийн гIуллакх караделла ваийтина Эрзерумехь волчу оьрсийн эпсарна тIе дехаре нах хьовсо. Билгалвира Аьрзуй, Маккхаллий, кхин шайца цара къасториг а.

Оцу дехачу дийнахь цхьана а минотана охьахевшина садоIийла ца хуьлуш, кIадбелла, гIелбелла, пхьуьйрал тIаьхьа цIа бирзира АьрзугIар. Iелий, Чорий, чукхоччушехь, цIенкъара хьардаш самса а йаьхна, кIел верта а даржийна, охьавижира. Аьрзу, ши куьг чуччадоккхуш коьрта кIел диллина, аркъал дIатевжира. Цунна хаьара Маккхалан охьавижа ойла йоцийла. Оцу деношкахь цхьанхьара-м карадеана хIокху мехкан Iедалх лаьцна йаздина цхьа жайна дара цуьнан, xIop а буьйсанна ша набаро кIелвитталц тIехьоьжуш. Тховса ца хьадира цо иза. Шена охьавижа мотт тобина, ша леррина кхоош лело хьакхаран чиркх латийна, и тIорказ тIе а хIоттийна, шен йозанан гIирс – эрзан къолам, кхийра шекъадуттург, цIена кехат – хьалха а диллина, охьахиира иза.

– Ваьшшинца муьлш буьгу вайша? – хаьттира цуьнга Аьрзус, иза йаздан волавалале.

– Мича?

– Эрзеруме.

– Муьлш – ца муьлш дан а дац. Чорий, Iелий вуьгур ву-кх. Стенна оьшу цигахь IалагIожа?

– Хьо хIун йаздан воллу?

– Оьрсийн паччахье дехар, – къолам, йухьиган иралле а хьаьжна, шекъанна чу Iоьттира Маккхала. – Догдиллар, сатер-х хир дай.

Оцу тIехь сецира цаьршиннан къамел. Маккхал шен йозанна тIевуьйлира. Ткъа Аьрзу, ши бIаьрг тоьланан лохачу тховх боьгIна, ойлане велира. Ойла йора кханенан а, ламенан а… Дуьненан паччахьийн а, адамийн а къинхетамах, гIоьнах хаьдда, кху нехан хийрачу махкахь хIаллакьхуьлучу шен къоман вежарийн, йижарийн а. Ойла йора генахь бисинчу, дукха баланаш хьоьгучу шен даймехкан, бIарзделла хьийзачу шен къоман. Амма, мел ойланаш йарх, ца карабора кIелхьарвала некъ. Уггар нийсаниг, уггар тешамениг аьлла цара къастийначу новкъа бевлла схьабаьхкинчу кху мисканех хирг дара гуш. ХIор а буса охьаьвуьжу иза цу ойланашца. Дуьнен чу ваьлчахьана схьа мел догIучу дийнахь – керл-керла бохамаш, баланаш, гIайгIанаш. Мегар дац ткъа, буьйсанна охьавижча, набарха мукъана а паргIатвала, гIенаха мукъана а ирсе минот ган? ХIан-хIа, синтем бац набарх а. Дахарехь ша теш хилла цхьаъ кхечул ирча эз-эзар и инзаре эрчонаш гIенах а дуьхьалара ца йовлу кхунна.

Кхелхина кхуза баьхкинчу нехан пхи эзар доьзалх биъ эзар кхузахь, Муша уллохь, сецнера, вуьш – Эрзерумна уллохь. КIеззиг царна йуучуьнца хенебовларна-м гIоли дара цигахь. Амма ун чIогIa даьржинера царна йуккъе. Цул сов, массанхьа санна, ницкъ бора царна Iедало а, цаьрца йукъаметтиг галйаьллачохь бахархоша а. Iедало цигара меттахбаьхна, Диарбекирехьа нохчашна къастийначу махка тIе дIабоьлху уьш, оцу махке а хьаьвсина, йухабогIу АьрзугIар шайна Чубукчурехь дуьхьалкхетча, цаьргахула и хIун мохк бу а хиъна, йа цига а, йа Эрзеруме а кIегар а ца боьлхуш, кхуза, Муше, схьабирзира. Эрзинганехьа дIайоьду тоба а, дIакхачале йуха а йирзина, Эрзеруме дIайахнера.

Кхуза богIучийн йуьхь схьакхаьчна тховса. Бухахь болчарна хIун дийр ду ца хууш, Аьрзу хьийза, хIинца xIapa керла бала а тIекхийти…

Маккхала, шен карара къолам охьа а биллина, ша йаздина кехат караийцира.

– Ахь ладугIий, Аьрзу?

– Дешал.

Маккхала, йайн йовхарш тоьхна, йиш тайира.

«…Нах кхалхоран гIуллакх шина а паччахьан бертахь ду бохуш, дийцинчу инарло Кундуховс тхаьш хаза кхоччуш Iехийнийла хиъна тхуна. Цо дийцинчух а тешна, шайн даймахках бевлла кхуза схьабаьхкина нах, амма цигахь тхоьга дийцинарг кхузахь ца карий тхуна. Тхуна мохк къастийна кху Хонкарахь, амма иза йокъане, жагIане, дийнарг ца кхуьуш, цхьа йекха гунаш ду. Цига а дахана охьаховшахь, цхьа а бIаьстенга вер вац тхох. Кундуховна, тхо массо велла а, ша ваха лаьа, цунна гIерта хир ву иза бисина нохчий а схьакхалхо… ХIокху туркойн Сибрех Iачул, оьрсийн Сибрех дахар гIоли хета тхуна… Аш тхаьш цIа дахийтахь, кхузара хьал а дийцина, схьакхелхачуьра совцорца оха Iожаллех кIелхьарбохур бу цигара схьабахка гIертарш. Мел лахара а, кхоалгIа дакъа хIаллакьхилла тхо кхузахь хIинцале а. Туркоша боху, тхо Диарбекирал дехьа кхалхадо шаьш. Бертахь ца гIахь, нуьцкъала цига дIадига ойла йолуш, шеца кхо эзар дошло а волуш Муше веана охьахиъна Эрзеруман вели Эми-паша. Амма тхо цига гIyp дац тхаьшна чохь са а долуш, хIунда аьлча цигахь а, кхузахь а тхоьга хьоьжуш меца Iожалла йу. Стенна оьшу тIаккха и гена некъ бойтуш цомгашниш, къенаниш, бераш хьийзо? КIелхьардовла цхьаъ бен некъ ца буьсу тхуна – иза даймахка йухадерзар бу. Оха, кара куйнаш детташ, доьху хьоьга цIа дерза тхайна бакъо йалар…»

Маккхал йукъахваьккхира арахь йевллачу гIовгIанаша.

– АьрзугIар муьлхачу чохь бу кхузахь? – хоьттура цхьана стага.

– И дIогара тоьла церан йу-кх, – жоп лора зудчо.

– Лаьттах йаьккхинарггий?

– ХIаъ.

– Баркалла хьуна.

Дукха хан йалале говран когийн тата сецира тоьлина хьалха.

– ХIей, чохь дуй шу? – мохь туьйхира хеттарш динчун озо.

– Чохь ду тхо-м, – вистхилира Маккхал.

Меттара хьалаиккхина Iела аравелира.

– Маккхал, шуьшиъ хоьттуш веана-кх xIapa стаг, – чухьаьжира Iела.

– Схьачувалаве тIаккха.

Охьа а таьIна, нийсса ах неIарх чоьхьаваьлла, салам делира лекхачу стага.

– Ассалам Iалайкум, дика мел дерш догIийла шун хIусаме!

– Ва Iалайкум салам, диканца вахийла хьо а! Марша а вогIийла!

Хьешан куьг лаьцна, шаьш барч лоьручу соне охьахаийра цара иза.

– ТIаккха, хьаша, шу могаш дуй, сингаттам боцуш Iай? – хаьттира Маккхала.

– Могаш, дика Iа. Дерриг вайн къомана берг бен, сингаттам бац. Шу а деца могаш?

– Дала дика кхобу.

Хьал-де хаьттина бевлча, цхьана ханна къамел сецира. Чиркхан гIийлачу серлонгахь ма-къасттало вовшийн йуьхь-сибате хьаьвсира хьаша а, хIусамдай а. КIаддалар бен, кхин гIелдалар доцуш, лекхачу дегIахь, тIехь могаш бос Iалашбелла Iаьржачу сибатехь йехо йуьхь, йоца Iаьржа маж, дуткъа ши мекх, схьакхевддина нийса мара, лекха хьаж, майра ши бIаьрг. ТIера духар хIинца а тишдалаза. Йукъах – кхелина шаьлта, доьхкарх йоьллина ши тапча. Иштта вара веана хьаша. Арахьарчу куьцах хиира АьрзугIарна и стаг кху туьпарчех а, йа кху махкахь вуон хьегначех а воцийла. «Йа шен са а, тур а туркошна доьхкинчу кIеззигчу нахах цхьаъ ву иза, йа дукха хан йоццуш даймахкара кхаьчна хила тамехь ву xIapa», – цхьана минотехь ойла йира Аьрзус, стагах чекхдолу шен хьажар хьешана тIе а доьгIна.

– Делхьа, хьаша, вайн гIиллакхехь, вузийна паргIатваьккхина, хеттаршка довла хьуна хIотто кхача бац вайгахь тховса, – тийналла йохийра Аьрзус. – Дийцахьа, хьо мила ву, кху хIусаме хьайн кхачар а. Тхоьгара хила гIo дуй хьуна?

Хьешо йайн йовхарш туьйхира:

– Со Бенарчу Солтамурдан денвешин кIант ву. Диванан сацамца шуна тIаьхьавеана со кхелхина богIучу нехан тIаьххьарчу тобанца.

Аьрзун а, Маккхалан а само ирйелира.

– Iела, неIарал арахьа хаий, гуонаха ладугIуш хIума дел. Айхьа лоьхурш тхо ду-дац, хаьий хьуна?

Хьаша велавелира:

– Хаьа, дера-кх. Суна дукха гина шуьша.

– Ахь хьо Солтамурдан шича ву боху, ткъа тхойшинна и хаац. Хьан дашах тешна, къамел дан ваьхьар вуй тхойша?

Хьешо шен пIелгах схьайаьккхина чIуг Маккхале кховдийра:

– Хьо бакълоь, Аьрзу. Аш тешамна йиллина хIума xIapa йуй?

MyxIap схьа а эцна, леррина цуьнга а хьаьжна, Аьрзуга делира Маккхала.

– Солтамурдан мухIар ду. Шеко йоцуш.

– Тешамна хIума-м йу, ткъа ишар? – хаьттира Аьрзус, иза карахь дIаса а хьовзийна.

– Со нохчо ву.

– Хьо стенна араваьлла?

– Сайн къоман маршо йухайерзо.

– Ца йерзалахь?

– Iожалла тIеэца.

– Маршо йа Iожалла! Хьо диканна воуьйтийла майрачу Солтамурда! ЦIе хIун йу хьан?

– Деналха.

– Маца кхаьчна хьо кхуза?

– Муше тахана кхаьчна, Эрзеруме кхаьчна-м цхьа-ши кIира а ду.

– Некъахьовзам боцуш веан хьо даймахкара схьа?

– Дала Iалашви.

– ХIун ду-те сихонца хьо схьахьажжол Солтамурдана тIедеанарг?

– Шуьшиъ кхузахь хьевалар а, махках буьйлучу нахах бакъдерг цахаар а.

– Керла хIун ду Нохчийчохь?

– Солтамурдера кехат ду соьгахь.

Шаьлтанна уллохула батта доьллина жима урс схьа а даьккхина, тIаккха логера гIовталан ветанаш дIа а даьхна, кочахь кхозу чIурам йукъа тегна кхо маьIиг йолу жайна, урс тесна чимчаргIа а хадийна, уьрсаца цхьаьна Маккхале дIакховдийра Деналхана. Ларлуш урс туьйсуш, тегарш хедийна, чIурамна йуккъера схьа а даьккхина, даржийра Маккхала кехат.

«БисмиллахIи-рохьмани-рохьийм, – деша вуьйлира иза, йайн йовхарш тоьхна йиш тайина. – Вайн везачу Делан, Мухьаммад пайхамаран, цуьнан асхьабийн, эвлайаийн пурбанца xIapa кехат йаздо ас сан къоман а, динан а вежаршка, доттагIашка Абубакаран Аьрзугий, Iабдурахьманан Маккхалей!

Делера къинхьетам а, Элчанера шапаIат а хуьлда шуна.

Уггар хьалха ас дIахоуьйту шуьга тхаьш дерриш могаш-таза хилар, вай вовшахкъастар а, махках бевллачу муъма вежаршна сагатдар бен, сингаттам боцуш тхаьш хилар а. Амма оцу сингаттамо дегнаш огу тхан, догIмашкара гIора эшийна тхан, кортош хьередина. Махках буьйлучу нехан тIаьхье а ца хеда, мацах лоьман хьеха чу ихначу акхаройчул башха, дIаваханарг йухавогIуш а, кхочуш хабар а дац. Цхьа а тайпа хабар доцуш вайна шуьшиъ а. Оцу бахьанашца тхаьш хIун дан деза а, хIун дита деза а ца хууш, бIаьрзе ду тхо. Шу дIа муха кхаьчна, шуна тIедиллинчух хIун хилла, адам мича хьоле нисделла-те?..»

– ХIокху жоьжахатера хабар хазаза ду цигахь? – йукъахваьлла, геланче хьаьжира Маккхал.

– Тайп-тайпанара хеза! Цкъа хеза, кхузахь нахана Дала делла бохуш, тIаккха – Дала тоьхна олий хеза.

 

«…Кхузара хьал-де шуна хаа лаахь, вайна пайдаберг цхьа а дац. Берса цIа вирзина. Къилбаседехьара дарц тийна, оцу агIоне догдохуьйла а дIайели вайн. Адам, хьалха санна, халонгахь ду. Хьалхахьежарх, гуш паргIато йац.

Шу новкъа девллачул тIаьхьа цхьа хьовр-зIовр хилла кхузахь. Хорачуьрчу Акхмирзин Тозас вай кхийрринарг лелий. Тхоьгара пурба доцуш, тхан бертаза, шен лаамехь, ша имам ву аьлла, кхайкхийра цо. Кехаташ йаздинера гондIарчу йарташка. Цо сайга даийтина кехат ма-дарра йаздо ас, шу дика кхетийта: «Тхан муъма вешега Солтамурде, бусалба вежаршка имамера Тозера салам-маршалла. Вайн махкара керстанаш дIабаха тIамна кечло. ХIара дIахаийта гондIарчу йарташка, Яьссица, Ямсуца охьа йолчу йарташка. Дала а, Пайхамара а вайна весет бина гIазотан тIом дIаболо беза де тIекхаьчна. Вайца барт берш кхана Хорача улло Кхеташ-Коьрта гулло. Делан лай, Нохчийчоьнан имам Тоза». Оцу кехато цецдаьхна тхо меттадахка а кхиале, кхин хабар кхечи, иза шен Хорачуьра араваларца Iедало лаьцна виги аьлла».

– ОстопираллахI! – корта хьийзабора Аьрзус. – Хьажахьа, вайн гIуллакхана цо дина зулам!

«…Доцца дийцича, Тоза шайн Хорачуьра араваларца Iедало лаьцна. Цуьнца Хорачуьра Хьозин Тозукъ а, Шахьгери а, Новкъин НIаьвлаха а, Багин НогIамирза а, Абубакаран Эбети а, Iумханан Къиси а, Хьамин ТIахIир а, Хьусайнан Iисха а, Сангутан Мада а, ЦIен-Веданара Эдиган Девлатмирза а, ДаьргIара Iapaпxa а, ЭгIаштара Албас а, Мелчхера Къабаз а, кхин дуккха а лецна. Делан гIоьнца вайх цхьа а стаг ца нисвелла лецначаьрца, амма Тозас доккха ков эккхийтина вайн гIуллакхна.

…Вайн гIуллакхна цхьана aгIop зулам даьллехь а, вукху aгIop тIаьхьалонна ваьшна пайдехь дерг а хии вайна. Тозас йинчу хьовр-зIовро кхерийначу Веданарчу полконако шена гIоьнна Чехкарара эскарш дийхира. Амма цхьа-ши де далале иза кхийтира шена уьш оьшуш цахиларх. Тозас лелийначунна шаьш бехке дац, цунна тIаьхьа-м муххале а хIуьттур дацара шаьш, мелхо а, цуьнан тоба йохош гIo дан кийча ду хьуна бохуш, цунна тIеоьхура гондIарчу йарташкара жимма а таронаш йолу нах берриш а.

Полконакна хиира нохчашка шаьш вовшийн байъийтарал атта хIума дуьнен чохь цхьа а цахилар. Изза дан а дира цо. И хьовр-зIовр аренга йаржарна кхераделлачу Iедало Нохчмахкара арадуьйлу дерриг некъаш дIакъевлира. ГIойл дехьара вайнах тIаьхьа а хIиттийна полконак Мураев веара, ЧIебарлара нах шеца болуш веара цигара наиб, вайнехан зуда йигна и оьрсийн эпсар . Цаьршимма дIалийцира малхбузехьара схьа Хорача догIу некъаш. Шайца эзар гергга вайнехан стаг волуш цига веанчу Мустапин Девлатмирзас а, эло Чергазбека а харачошка хабар туьйхира, нагахь кху аренца хьовр-зIовр йан ойла йолуш цигара стаг охьавалахь, шаьш, лаца а лаьцна, Iедале дIалур ву иза аьлла. ЧIебарлара веанчу Жукин Дубас дIалийцира Органна тIедогIу некъаш. Нагахь Тоза Бенахула Яьссица, Ямсоца охьагIортахь а аьлла, аьккхийн дехарца Кешане далийра Хаси-Юьртара эскарш. Эрсанарчу гIопе балийра БердакIелхьара бIо. Доцца аьлча, цхьа меттиг тIехIоттахь, ваьшна кхерам муьлхачу агIорхьара схьа бу а, вешан мостагI ваьшна йуккъехь вуй а хии вайна…»

– Вайна и хуу-м дукха хан, дера, йара, – чам байна корта хьовзийра Аьрзус.

– Кхуьуш вуйла хаьара. Амма оццул дукха вуйла ца хаьара. Ткъа иза дебаш хилла-кх. Вуон xIy сиха ма деба.

«Цо и хьовр-зIовр йичахьана, Iедал гуттар чIагIделла, марсадаьлла вайца. Цхьажимма а шаьш шекдолу стаг чувуллу. Тозина цкъа ирхъолла кхиэл кхайкхийра, йуха а берриш Сибрех хьовсий уьш. Хорачошкара хIор а кIуьран цIарах цхьацца туьма гIуда даьккхи, элистанжой Теркйисте кхалхий. Тозас вовшахтоьхнарг тIаьхьало йолуш хIума доццушехь, кхераделлачу Iедало Хорачу дукха эскар теттира.

Шуна дагадогIу-кх дIадаханчу шарахь Шелахь нах бойъуш мел дика хьаьвзира Чермин Орца, Мустапан Девлатмирза, ВахIабан Iоду; молланаш Хордин Iабдулкъедар, Исламан Идаг, Iабдуллин Мустап, Боьршикан Махьмуд. ХIетахь цаьрца цхьаьна оьрсийн Iедална гIo деш бара Шелара а, гонахарчу йарташкара а совдегарш – Iедална йохкайелла хьакхарчий. ХIинца а йерриг Нохчийчуьра даххаш шена тIе а гулдина, церан куьйга Тозин тоба йохийра Iедало. Кхузахь хIинца а каде хьаьвзира Мустапан Девлатмирза, Жукин Дуба, Шаммирзин Бота, гендарганойн Момин Хьоту, гIордалойн Ойшин Чомакх, молланаш: Кужин Бача, Хадун Арсункъа…»

– Хьий, Делан мостагIий, йаI! – оьгIазе мохь белира Аьрзуга.

«…Хьоту а, Чомакх а, Бача а, Арсункъа а чинехь лакхаваккха, совгIат дала Петербухе хьалавелла, боху…»

– Заддаш-йаI, заддаш!

«…Кхин керла хIун ду аьлча, кху шарахь тIаьххьара кхелха нах новкъа бевллачу буса инзаре чIогIа мохк бегийра вайн кхузахь. Уггар чIогIа иза бегийра Веданна гуонаха. Хилла зиэнаш даккхий дац. Iеламнаха шина тайпана дуьйцу. Цхьаболчара боху, ша дIа а тесна нах махкахбийлар ца лайна, бегийна иза, вукхара боху, хIокху лаьтта тIехь керстанан Iедална кIел севццачу нехан къина бегийна иза, цаьрга, кхузара дIа а довлий, бусалба дин маьрша долчу Хонкара дIадаха дезар хоуьйтуш. Ткъа соьга хаьттича, вайн дакъазалла, xIapa Iаьржа латта бух ца дуьйлуш, сийна стигланаш тIе ца йоьлхуш а дика йуьсу. Суна хаьа, шуьшиъ цигахь цхьаъ галдаьлла Iойла. Цунна сагатделла, xIapa кIант шуна тIаьхьавоуьйту ас. Нагахь шаьш цигахь кхин а хьелур делахь, xIapa сихонца йухахьажаве, тхоьга ала дезарг дийций. Нах цига дIагIерта, ткъа тхуна хаац царна хIун дан деза. ХIунда вогIу-м хаац, Калакахь волу паччахьан ваша Нохчийчу вогIу бохуш, хабар ду. Иза тIеэца кечлуш бу кхузара хьаькамаш. Цхьаболчара дикане догдоху, амма, суна хетарехь, и варо тодан хIума дац, галдаккхар бен.

Тхоьгара массаьргара маршалла ду Чоре, Iеле, даймахках бевллачу вайн декъазчу муъма вежаршка а.

Вайн везачу Дала къинхетам бойла царах а, вай массарех а.

XIapa кехат йаздина Бенарчу Турин Солумгерин кIанта Солтамурда, 1285-чу шеран раджаб беттан 18-чу дийнахь».

– ХIаъ, чалх йина Тозас, – доккха садаьккхира Маккхала, дешна ваьлла кехат дIа а хьарчош. – Ас олура Солтамурде, и стаг йукъа ма ийзаве, цо, цхьа хьаштдоццург дина, гIуллакх галдоккхур ду вайн. Эххар дIа-м хервира цо иза, амма тIаьхьа дара-кх.

– Деналха, ахь дийцахьа тхуна оцу гIуртах лаций, – дийхира Аьрзус хьеше.

Когаш чучча а боьхкина Iен Деналха, дехха къамел дан ойла хилла, ши ког Аьрзуна тIехьахула дIа а хецна, паргIатвелира.

– Бехк ма биллалаш суна, кIадйелла лозу сан настарш, – бехкалвахара иза. – Тоза имам ваьллийла хиъначу Веданарчу полконако иза лаца масех дошлочуьнца Хорачу хьажийра цкъа Момин Хьоту, тIаккха Ойшин Чомакх. Уьш цига кхочуш, хIетта дIакхаьчна со а вара бухахь. Цигахь йерг хIун чалх йу а хьажий, хабар дан аьлла Солтамурда вахийтина. Чомакха хаьттира цуьнга, ахь хIун леладо, xIapa адам хIунда Iехадо ахь аьлла.

– Стохка со цомгаш Iуьллучу хенахь Далла тIе стигала хьалаваьхьира со, – жоп делира Тозас. – Цигахь Жабраил-малик а, Мухьаммад пайхамар а, устаз Киши-Хьаьжа а тешаш болуш, Дала омра дира, со имам хIоттово ша аьлла.

– Цхьана а пайхамарна а, эвлайаана а ца вайна Дела хьуна муха го? – човхийра иза Чомакхца веанчу цIонтаройн моллас Хадун Арсункъас. – Хьерваьлла хьо? Саметтахь хилча, ахь дуьйцур дацара и сонта хабарш. Соьга сайн белш тIехь и лам айъалуш а, айхьа дагалаьцнарг кхочушдан хьан ницкъ кхочур бац. Цул и сонталла а йитий, хьаькамаша бохург деш Iе. ГIуллакх генадалале, Ведана полковникна тIегIуo. Цо гечдийр ду хьуна ахь лелийнарг…

Арсункъас аьллачо оьгIазвахийтинчу Тозас, терхи тIехь Iуьллу баьццара байракх катоьхна схьа а эцна, цуьнан мера кIел Iоьттира:

– XIapa байракх Дала йаийтина суна! XIapa йаийтинчо имам хила аьлла соьга. Делан а, Пайхамаран а омра кхочушдан деза ас. Ткъа ахь соьга, керста хьаькамашна хьалха йухавала, боху!

Ткъа пурхахь а, корашкахь а лаьттачу наха маьхьарий деттара, Тоза шайн имам ву бохуш. ЦIа чуьра арайаьккхина байракх кертахь дIатуьйхира. ШолгIачу дийнахь цига кхо бIе гергга стаг гулвелира герзах воьттина. Оццул адам шен кертахь гича, Тоза, ара а ваьлла, говра хиира. Массарна а моьттура иза Ведана полковникна тIеваха воллу. Адам дуьхьалделира цунна. Карзахбевллачу наха тоьпаш йеттара Чомакхца баьхкинчарна тIехула. Тозин вашас Кебас Тозе элира, ша и Ведана вохуьйтур вац, цигахь и верна кхерам бу. Нахалахь гIовгIанаш йевлира. «Хьо мича воьду? Цара вуьйр ву хьо!» – бохура цхьаболчара, вешан гIазот хIокху хьакхарчашна, ЧомакхгIарна, тIера дIадоло деза, кхечара бохура. Царах кхеравелла Чомакх, шен нах эцна, ведда дIавахара. Чомакх дIавахча, эскарш догIур дуйла хиъна, Тоза йурт чIагIйан вуьйлира. Гуонаха ха хIоттийра, некъашка кIелонаш тийсира, шен мурд веш виъ стаг шена улло хIоттийра. ТIаккха, кIайн чоа а дуьйхина, коьртах чалба а хьарчийна, кара суьлхьанаш а лаьцна, шайн цIенош тIе а ваьлла, нахе къамел дира цо.

– Йуьртахой! – кхайкхира иза. – Шух тешна, аш бохург а дина, имам ваьлла со. ХIетте а, Ойшин зуд гучудаьлча, дикка йуьртахой шайн доьзалшца бевдда къайлабевллийла хаьа суна. Цхьаберш шина даггахь буй а хаьа суна. Амма хаа ду шуна, нагахь аш суна гIo ца до-кх, сайна гIоьнчий суна Кхеташ-Коьртахь карор бу. Делан ницкъаца, церан гIоьнца сох имам хир ву, тIаккха ас хьукма дийр ду тахана сайна тIаьхьа ца хIиттинчу нахана.

И къамел диначул тIаьхьа Хорачуьра араваьлла Тоза Кхеташ-Коьртехьа дIаволавелира. Цунна тIаьхьа масех бIе стаг вара хьалха лаьцна баьццара байракх а йолуш. Генабовлале царах дIакхийтира Эластанжарий, Хойрарий охьабогIу ши бIо. Амма Кхеташ-Коьртехь хIокхарна кIелхиъна Iаш Чомакх вара, гонахарчу йарташкара таронаш йол-йолу нах тIе а озийна, шен бIо а стамбина. Тозина дуьхьал къеда КIужин Бача ваийтира Чомакха, кху лома ма гIерта, шайн-шайн цIа дIасадекъало аьлла. Тозас элира, ша массо бусалба стаг шен ваша лоьруш лелара, ша гIалатвийлла, иштта хилча, ша цIа вахаза ца волу. Амма цунна тIаьхьаболчу КебагIар, ЭбетагIар, ЭлагIар дуьхьало йира йухадовла. Баккъал дерг аьлча, цара ца витина ваьллера иза имам. ТIаккха Чомакхан бIаьно тоьпаш туьйхира. Уггар хьалха молла Арсункъас кхоьссинчу тоьпо чов йира Хорачуьрчу МитIина. Тозин бIо хьалхара бедда, Чомакхниг тIаьхьабаьлла, Гуьмса тIе кхочуш, шаьш лелориг эрна дуйла а хиъна, дIасабаьржира нах. Тоза лецира. Оцу тIехь чекхбелира цара бина гIурт.

– Адамаш-м ца дайъира?

– ХIан-хIа. Тозин агIонах цхьа масеханна чов йира, ткъа ЧомакхгIарах цхьанна а цIий ца делира. Лазийна ши говр ца лерича.

– Ва Дела аьлла, вайн гIуллакх ваьштадан дуьтуш бац-кх цхьа нах, – доккха садаьккхира Аьрзус. – Оццул, мегар дац, зуламехьа дер ду боххушехь, стохка Шелана уллохь цхьа масех стага и нах иракара а хIиттийна – цкъа, хIинца Тозас шозлагIа дохийна-кх оццул хала вай вовшахдетта гIуллакх. Керла эскарш-м ца оьзна Нохчийчу?

– Оьзна. ДегIастанарий, ГIебартарий масех бIо балийна.

– Башха арахьара ницкъаш тIеийза ца оьшу цигахь-м, – элира Маккхала оьгIазе. – ХIинца вайнах шаьш бевлла вовшийн байъа. Эцца цхьана эпсаро, цхьа сом а гайтина, "хIуьсс" алахь, чухьалха кийчча нах дукха бу.

– Сом хIунда хьехадо ахь? Иза шайга хаза вистхилча а тоуьйту. Вай Iовдалш ца лиэдеш стаг вац. Деналха, кхин, барта ала аьлла, тIедиллина хIума-м дац? – хьешехьа вирзира Аьрзу.

– Дац.

– ЦIа маца воьрзу хьо?

– Ахь гIyo аьллачу дийнахь. Кхузара хабар эций, сихха цIа верза аьлла соьга.

Наб хьегIа Маккхал бага гIетто вуьйлира. Шен гIовталан некха тIерачу жимачу кисанара дато сахьт схьа а даьккхина, негIар хьала а тоьхна, тIехьаьжира Аьрзу. Цамза шийттана тIехъиккхинера. Баьгна кхачийна болуш боллура Маккхалан хьакхаран чиркх а.

– Эрзерумерчу вайнахера хьал хьуна гина, – элира цо, тхьузбоьлла ког дIа а хоьцуш. – Кхузахь дерг а кхана гур ду хьуна. Цагинарш а, хазазниш а тIедуьйцур ду. Наха йуханехьа вайн махка берза сацамбина. Иза муха хир, хаац. Кхана-лама сой, Маккхаллий оцу хьокъехь оьрсийн векал волчу Эрзеруме воьду. Тхойша цигара цIа вирзича, цхьана дашца хьо цIа хьажор ву вай. Ткъа хIинца садоIур вай. Iела, Деналханан говре а хьожуш, хьо арахь вижахьа.

Чиркх байъина охьабийшинчу хIокхарна набарш кхетале, тоьлин неI дIакъевлира жимачу гIаларто.

– Болат? – цецвелира Аьрзу.

– Со ву, – гIийлла жоп делира гIаларто.

– Ахь хIун до кху хан йоцчу хенахь? Хедий, Човкий хIун деш йу?

– И шиъ дика Iаш йу.

– Ткъа хилларг хIун ду?

– Соип вийна…

– Хьан доттаггIий? Хьан вийна?

Аьрзуй, Маккхаллий, вагийча санна, цIеххьана кIегархиира. Болата дийцира шена гинарг дерриг а.

– Нана а йелла Iуьллу цуьнан, – тIетуьйхира Болата. – Схьахетарехь, мацалло бIарзйинчу цунна кхалла хIума лаха араваьлла, цхьаннан керта гIоьртина хилла хир ву. Шен дуьхьа нехан xIyманна тIекхевдар волуш вацара иза…

– Хьуна хезин, Деналха, оцу кIанта дуьйцург? – бодашкахула дIа хьеше вистхилира Аьрзу. – Иштта ду-кх кхузара хьал. Хьуна хIун лаьара, Болат?

– Хаац… Хьалххе цIа кхаьчнехь-м, накъостий эцна вахана, цIа вохьур вара иза. Новкъахь тилавелла лелла, хIинцца кхечи со…

– Тховса гIуллакх хир дац-кх, Болат, иза цIа вохьур ву бохучух. Далаза сахуьланга довлахь, иза цIа а веана, нана а, иза а дIадуллур ду-кх вай. ХIинца, чугIой, паргIатвала хьо.

 
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru