I
аьххьара буьйсанаш
ХIай Дела, хьайн олхазаршна
Ахь цхьацца бен белла.
Ткъа сан бен бохийна,
ДегIера ницкъ иэшна,
Бодашкахь тилавелла
Со цхьаъ ву – мухIажар,
ГIорасиз лелаш,
ГIорасиз лелаш…
О. Туманян. МухIажаран илли
Даккхийра делха доьллачу догIано, йуьхьанца кIеда татанаш лоьлхуйтуш, чан гIаттийра туьпахь. ТIаккха къиэга дуьйлира, цхьаццанхьа Iаьмнаш хIиттош, тIехула агIорхьара басара охьауьду Iоврийн татолгаш, наха ишттачу меттигна дуьхьалонашна хьалххе даьхначу хершнаш чу а хьийзаш, лаха мел девли, стамлуш, десташ, даккхийчу хишка а доьрзуш, Мурат-чайх дIадетталора.
Амма оцу догIанна дуьхьало ца йалора туьпарчу хIусамашка. Уггар дикачех лоруш йолчу МIаьчиган тоьланан тховх а, цецах санна, чекхдуьйлура иза. Йуьхьанца йукъ-йукъа ладарш гучудевлча, царна кIел пхьегIаш хIитто вуьйлира МIаьчиг. Жимма Iийна, массо маьIIехула уьш тIеIена доьлча, пхьегIех дог а диллина, куьйга корта а лаьцна, ойлане ваьлла охьахиира иза.
Тоьли чохь, когаш къилбехьа а болуш, тишачу йургIи кIел аркъал Iуьллура цхьа сахьт хьалха кхелхина Зару. Цомгаш-м йара иза, амма йаллал кIелйисина йацара. Нана а, шел кегий бераш а делчахьана, дено-дено худалуш, мажлуш, йеккъа цхьа даьIахкаш бен ца йисинера иза. Миччахьара а шайн карайеана кхалла хIума цунна кхоайой йуьтура дас а, вашас а. Амма цо ца йуура. Хьистича а, бехкаш даьхча а, човхийча а. Атталла дуьхьал йист а хуьлурий ткъа? Гуонаш Iаржйелла, кIоргге хьех чуэгначу, чохь садоцуш санна кхоьлинчу жугIар бIаьргех къорра хиш лешара, мерах седа оллалора, кхуьйсу левси санна, хьазхьизе ийъалора дакъаделла некхау.
Коьра СайдуллагIарна тIаьхьавоьдучу дийнахь тIаьххьара йист а хилла, йилхина дIатийна иза, мотт сецча санна, кхин багара дош ца долуш, селхана охьа а йижина, тховса дIайели.
Истанган маьIигаш лаьцна, дакъа цхьана aгIop такхийна, цIенкъа йуккъе хьардех а, тIелхигех а мотт тобина, шен болу-боцчу ницкъаца айъина, хьалха – лакхе, тIаккха – лахе йоккхуш, йоьIан дакъа оцу тIе а даьккхина, тIе верта а тесна, дIахьулдира цо. ТIаккха, цунна кIел хи ца хIоттийта, дагарца гуонаха даьккхина харш неIарх аратесира.
Дакъа догIанах дIа а Iалашдина, ладар кIезиг Iийдало са а лехна, Iаьндойн къорза гали тIе а кхоьллина, охьа а хиъна, дIатийра иза.
ТIаьххьара шен бIаьргех хи даьлла хан халла дагайогIура МIаьчигна. Мацах-мацах цкъа беран хенахь дара иза. Бийболатан заманахь. Ярмол-сардалан хьерабевллачу инарлаша оцу гонахарчу йарташкара кхо бIе стаг Гезлойн-гIопехь къиза вийначу дийнахь. Байъинчаьрца вара МIаьчиган да а, денда a. XIapa бен бер доцуш, къона, хеназа лаьттах вахара да. Оцу дийнахь вилхира МIаьчиг.
Оцу дийнахь и къиза ши инарла вийра Майртуьпарчу Оччархьаьжас. Амма цаьршимма вийна кхо бIе ден ца велира. ОххIай, уьш кхо бIе вийча, севци белира. Веанчу Ярмол-инарлас сийначу цIарах йагийра йарташ. ХIетахь дуьйна шовзткъа шо даьлла. Ткъа оцу шовзткъа шарахь цкъа а бIаьргех хи ца даьлла МIаьчиган. Амма тховса дуьхьалара вал хаьдда-кх царна. Оцу шовзткъа шарахь IаьIна иза, тховса, и арахь серашха детта шийла догIа санна, охьахецаделла-кх. Берриг ницкъ тIегулбой, сацадо иза МIаьчига, амма оцу шовзткъа шеран къаьхьа денош хоьрцуш воллучу цуьнан, декъазчу денна тIе масазза кхечи, тIехбогIу ши бIаьрг. Ткъа мел дукха хилла и декъаза денош… Дуьззина шовзткъа шо. Маса де хуьлу уьш? Хьанна хаьа. МIаьчигна хаац оццул шерийн денош лара.
Ткъа ойланаш кхерста. Кхерста уьш нохчийн лаьмнашца, аренашца. Кхерста уьш буьрсачу Теркаца, аьрхачу Яьссица. Беркатечу хьаннашкахула. И къена хьаннаш йуьзна акха кхуьуш стоьмаш, ораматаш, акхарой, олхазарш хуьлура. Ахь лаьттах буьртиг Iоьттинчохь йалта кхуьура. Йалта аьлла хIума дацара, цхьа хьийкъина хуьлура иза. Йокъано йа тIамо йалта хIаллакдинчу шарахь а хене довлура. БIаьсте йаллалц хьаннашкахь гуттар баа тобелла кхораш, хьаьмцаш, хьорамаш, маситта тайпа стоьмаш хуьлура. Кхузахь дац хIумма а. Ког биллал латта а, цхьа колл а йац цхьаннан долахь йоцуш…
Мохк-м иштта бара кхузахь, ткъа адамаш? Уьш а ду хийра. Цигахь, Даймахкахь, дерриг дара дагна гергара. ГондIарчу къаьмнашкара гIo а хуьлура. Мотт башх-башха белахь а, гIиллакхаш цхьаьнадогIуш цхьа ламанхой бара уьш. Биллина тIом хиллехь а, оьрсашца тарлора. Баккъал дерг аьлча, цIеначу оьрсичул догдика, къинхетаме, тешаме адам хила йиш йацара. Iаж санна, цIен бос беттало йелайелла, йекхайелла кIайн йуьхь, цхьа а тайпа шалхо йоцуш кIорга, хьанала бIаьргаш, партала, амма зоьртала догIмаш. Царах ца тешийла, уьш ца безийла, цаьрца гергарло, доттагIалла ца леладойла дацара. Амма, цхьа xIy ийна йа къотIалгIа йина оьрсийн цIарца лелачу xIyманел къизий, иэхь доцушший, йамарттий адамаш ца нислора. Шайн дайшкахь дуьйна и ший а зиэделлера нохчашна. Ткъа гуьржий, шайн мотт кхин белахь а, лаамехь а, лаамза а оьрсийн паччахьехьа бевлла, шайх летахь а, цхьа вежарий лорура цара. Кхузахь кхин хьал ду. Кхузара эрмалой а, гуьржий а тера а бац дозанал дехьарчех. Дика адамаш-м, дера, ду уьш. Амма кхузара адамаш туркойн бIешерийн Iазапо теIийна, кхерийна, шайн лаам байна, лолле дирзина. ХIокхарна дош ца хета цхьаъ дийцар, кхин дар. ХIораннан бIаьргаш чохь йа мекарло, йа дуьненах догдиллар, йа муьтIахьалла го.
ХIаъ, Васала цуьнга ала-м элира, маршой, нийсой лоьхуш, йиша-ваша а, халкъ а дитина, ша цкъа даймахках ваьлла, ткъа и харцой, къизаллий шена тIаьххье кху лаьмнашка йеана. Маршо а, нийсо а лаьтта тIехь йоцуш йу, цIахь Iехьа, МIаьчиг, ма бехира цо. Амма МIаьчига ла ца дуьйгIира цуьнга. Ла ца дуьйгIира Маккхале, Аьрзуга. Ла ца дуьйгIира зудчуьнга, берашка. Диъ лаьттах доьллина, пхоьалгIаниг делла Iуьллу. Коьрех хилларг хаац. МIаьчигна иза гучуьра дIадаьлла.
ЙатIа санна, къекъара стигал. Стигалахь ткъес тоьхча, бIаьрнегIap тухучу йукъана серладолура дуьне. Дато серий санна, охьадоьлхура догIа. Амма МIаьчигна хIумма а ца гора, хIумма а ца хезара. Шен кочах чу, букъа тIехула а Iийдало ладар ца хаалора. Ткъес масазза туху цунна хьалхахIуьттура Зазун а, шен йалх беран а гIаларташ. Церан озий, можий йаххьаш, чIораш санна, дуткъий пхьаьрсаш, настарш, пIендарш. Севсина, чуэгна геш, букъа тIе хийшина пханарш, хеда йохку вортанаш, баккхий кортош. И бахьана долуш хIаллакьхилла бераш…
МIаьчиг воьлхура. Шовзткъа шарахь ша, къурдаш деш, кийрахь сецийна бала кхидIа сецо собар ца хилла, арахийцира цо.
МIаьчиг воьлхура. Шина а куьйга корта а лаьцна, зуькарлахь санна, шовкъе дегI техкош.
Цхьа а тайпа гIовгIа, узам боцуш. Кийрахь…
Тахана шаьш Эрзерумера цIа ма-кхеччинехь, суьйранна кхеташо кхайкхийра АьрзугIара. Бакъду, дийцарш, хIинццалц санна, дах ца делира тховса. Цкъа-делахь, тIейелха кечйелла, тIаьхь-тIаьхьа йазлуш, Iаржлуш, стигалахь гуллуш догIанан мархаш йара. ШолгIа-делахь, дийца, къийса хIума дацара. КIелхьардовла некъ бацара цхьаъ бен – йуханехьа цIадерзар боцург.
Цунах лаьцна хьалха цкъа а дийцинера. ТIаьххьара сацамбира йухадерзар тIеман низамехь дIадахьа. Нах пхеа тобане а бекъна, и тобанаш, цхьацца хьовсош, дозанашка дIахьийсо. ХIор а тобанца пхиппа бIе тIемало хир ву, ах дошлой, ах гIашлой болуш. Оцу тобанах жоп лур ду пхибIенчо. Цул сов, xIop a тоба пхеа декъе йоькъур йу, хIоранца а цхьацца бIе тIемало а волуш. Царах жоп бIенчо лур ду. Уггар хьалха дIайахана тоба дозанал дехьайаллалц, йисинарш кхузара меттахйевр йац. Иза дехьайаьлча, йуккъехь цхьана-шина дийнан некъ а буьтуш, кхузара иттех дийнахь дIайевр йу йисинарш а. Тахана туьпахь долу дерриг хIума – говраш, стерчий, ворданаш, йалтий – нийсса оцу пхеа тобанна доькъур ду. Сацам тIеэцначул тIаьхьа кхузахь доккху цхьа де а эрна хуьлу. Цундела кху кхаа дийнахь хьалхара тоба новкъа йала йеза. Сацам хилира оцу тобанан коьрте шен бIоца Чора хIотто.
ДогIанан дуьххьарлерчу тIадамашца дIайоьхначу кхеташонера цIа баьхкина АьрзугIар, вертанаш кхоьхкина, буьнахь, тIеттIа а таьIна, хевшина Iара.
Стигалахь сетташ, кеглуш иккхинчу ткъесо аре серлайаькхинчу цхьана секундана генна стигалан лакхенца гучуболура Сэв-Саран ломан бохь, оцу тIехь кхоламе лаьттачу храман гIаларт.
Аьрзун ойланаш, цхьанхьара кхечахьа йуьйлуш, кхерстара. Хеталора, кIудалара охьаIенаш санна, тIедоьлхучу оцу догIанан xIoр а тIадам, лелина даш хилла, шен даг тIе Iена. ХIорш виъ-м вертанех хьаьрчина Iаш ву. Вий а могаш-таза ву. Цомгаш-меца Iохкуш бераш а дац. Ткъа йисинчу хIусамашкахь кху сохьта хIоьттина хьал шера гора Аьрзуна. И дерриг догIа къиза тIедоьлху царна чохь долчу адамашна. Зударшна, берашна, къеначарна. Шайна тIеIеначу ладаршна кIелхьара дIахила хьовха, атталла ха харца а ницкъ боцчу цамгарой, мацаллой кIелбитинчарна. Ткъа масане хир ву уьш, тIедоьлху и догIа биэн ца хеташ, велла Iуьллуш. Кху харц дуьненара дIавахана, маьршаваьлла… Кху дуьненахь цкъа а хир йац маршо а, нийсо а.
ХIор а Iуьйранна уггар хьалха дан деза гIуллакх белларш дIабохкар дара. Оцу тIера дIадолалур ду кхана а де. Хир ду-кх и декъий, тIадийна муст а делла, хьожане…
Иза-м и дара, ма атта хир бац-кх йуханехьа некъ а. СхьадогIуш говраш, стерчий, ворданаш, даа рицкъа а дара цаьргахь. Шаьш могаш а, гIелбалаза а бара. Цул сов, шина паччахьан Iедалша Iуналла а дора. Ткъа хIинца хIун хир-те? Некъан гIирсаш а дIабевлла церан. Нийсса ах адам делла дIадаьлла. Бисинарш а бу ах цомгаш, важа ах – халла шайн догIмийн дола деш. Даа рицкъа дац. Уьш хилла а ца Iа халонаш. Туркоша бакъо ца ло царна йуханехьа дIабаха. Ткъа оьрсийн эпсаро элира цаьрга, шайн Iедало хIopш Россе буьтур бац. Йуханехьа некъ хала хир бу. Бахархошкара гIo хир дац, Iедало ницкъ бийр бу. Нуьцкъашха дозанашка кхаьчча, дехьа ца довлийтахь? Оцу зилал дехьадевлча-м, шайн цIа, Нохчийчу, кхаьчча санна, паргIатбевр бара хIорш. Цигахь гуьржий бу. Нохчийн лулахой. Паччахьо йукъа мел питанаш тийсахь а, церан цкъа а дац вовшашца мостагIалла. Уьш вежарий хилла буьсур бу даим а.
Аьрзун ойла даймахкахула хьаьвззина йеана дехьарчу туркойн йуьрта йоьссира. ДуьхьалхIоьттира Эсетан сурт. БIаьстенан йуьххьехь Iаьрчхехь шена ма-гарра. Цкъа – дешин бос беттало месаш букъа тIехула охьа а хецна, йерзина нийса, стомма ност чахчари кIел лаьцна. ТIаккха – шех кхерайелла, куьйгаш некха тIе а таIийна, кIегаръиккхина. Йуха – ша Хонкара дIавогIу аьлча, хазахетта, меллаша голаш тIе охьалахйелла. СхьадогIуш новкъахь наггахь цунах бIаьрг кхетара Аьрзун. Амма дагахь дисинарг, даим а цунна дуьхьалхIуьттург Iаьрчхехь гина сурт дара.
«ХIун хилла-те цунах? – хоьттура цо шега. – Схьакхаьччахьана, гина а йац суна иза. Миска Гати а кхелхина, боху. Шахьби, молла велахь а, сутара, къиза стаг ву…»
– Вайшиннах цхьаъ хьалха йоьдучу тобанца дIаваха веза, Аьрзу, – тийналла йохийра бодашкара схьа вистхиллачу Маккхала.
– ХIун элира ахь? – набарх ваьлча санна, цIеххьана хаттар дира Аьрзус.
– Йуханехьа некъ вай схьадогIучул эзарза хала хир бу. Вайшиннах цхьаъ хьалха йоьдучу тобанца ваха веза.
– Цхьаъ бохург хIун ду? Йа ший дIаваха веза, йа, тIаьххьара тоба новкъа йаллалц, ший а кхузахь саца веза.
– ХIан-хIа, Аьрзу. Къаста дезар ду вайн. Ший а дIавахча, кхузара адамаш листа стаг хир вац. Ший а кхузахь сецча, хьалха йоьду тоба корта боцуш йуьсу. Ткъа буьсучийн йерриг дегайовхо оцу хьалхарчу тобанах йоллу. Нагахь иза дозанал дехьайалалахь, тIаьхьайогIу йиъ а чекхйер йу.
Аьрзу дагахь тIетайра Маккхала далочу бахьанашна. Нохчийчуьра схьабаьхкинчу нахах цIейоккхуш берш берриш а – МусагIар, СайдуллагIар, ШахьбигIар, ШамхалбекгIар, кхин, кхин а – уьш, цуьрриг кху нехан бала а боцуш, шайна баха хевшина. Кхузахь бисинарш берриш – шаьш хIун дан деза а, хIун дита деза а ца хууш цхьа пекъарш. Ткъа xIapa шиъ дIаваьлча, гIуллакх гуттар галдолу церан. Амма цаьршиннах кхузахь муьлха виса веза, хьалхарчу тобанца новкъа муьлха вала веза? Иза Маккхала къастор шена.
– Хьайна бакъахьа хеттарг дехьа, Маккхал.
– ХIета, хьо хьалхарчу тобанца новкъа вала, со буха соцур ву.
– Мегар ду, Iела хьоьца а витина, сой, Чорий новкъа вер ву.
– Iела а вига шаьшшинца. Со-суо вуьсур ву кхузахь.
– ХIета, хьой, Iелий оцу тобанца дIа а гIой, сой, Чорий кхузахь вита.
– Иза дан йиш йац.
– ХIунда?
– Чора пхибIенча ву. Сой, Iелий хIумма а вац.
Аьрзус аз айъира:
– Тхо кхоъ дIа а вахана, хьо вуьтийла дац данне а. ЦIетоьхна ваша дIа а тесна, нанас винарг эцна цIа веана, бохур ду! Сой, Iелий соцу, хьой, Чорий дIагIо.
– ХIан-хIа. Ас ойла йина дерригенан а. Шу кхоь а дIагIо. Нагахь бухахь висар кхераме ду хьуна моттахь, и бакъ дац. Кхерам хьалхарчу тобанна бу. Шаьш дийриг цунна дийр ду туркоша а, оьрсаша а. Цундела хьо Чорица а, хьоьца Iела а хуьлийла лаьа суна. Цул сов, къаьстина дукха а Iийр ма дац вай. Нагахь дерриг дика дIагIахь, иттех дийнахь шуна тIаьхьа дIавогIур ву со а.
– Делахь хIета, шу кхоъ дIагIо, со бухахь соцур ву! – мохь туьйхира Аьрзус.
– Мохь ма хьекхахьа, Аьрзу, – лохха човхийра иза Маккхала. – Нахана йуккъехь хьан сий ду. Ахь аьллачуьнга ла дика дугIу. Цундела хьо хила ма веза коьртехь.
– Ткъа наха буьллу болу бехк? – йухаверза ца туьгура Аьрзу. – Нагахь хьуна цхьаъ хилахь, йуьртахойн йуьхь-дуьхьал тхо муха хьовса деза? Iожалла ма йу когаш кIел.
Маккхала куьг ластийра.
– Вай девзачарна хаьа, Аьрзу, цхьаннан мIара ца лазийта, вукху кхааммо синош дIалур дуйла. Вайн дегнаш гуш Дела а ву. Уьш дуьтур вай. Амма, хIорш дIа а тийсина, дIадаха а йа дIабоьлхучарна тIаьхьасовца а бакъо йац вайн. Йа Далла гергахь а, йа нахана гергахь а. ТIехула тIе, Аьрзу, хьуна дицделла ткъа вайша къоман, мехкан гIуллакх айъина араваьлла хилар? ГIуллакх къоманий, махканий тIехIоьттича, ша а, йиша-ваша а, йурт а тIаьхьататта йеза.
ОьгIазваханчу Аьрзун виэхьар, лагIлуш, сецира. Цкъа-делахь, Маккхал вер вац ша аьллачунна тIера. ШолгIа-делахь, иза бакъ ву. ТIетан дийзира цуьнан.
– Амма, ахь ма-аллара, Iожалла йу, бага а гIаттийна, тIаьхьахIоьттина лелаш, – Аьрзун дуьхьало малйаларх пайда а эцна, кхидIа къамел дора Маккхала. – Йа шуна, йа суна цхьаъ хир. Хьалха мила лер а, тIаьхьа мила вуьсур а хаац. Нанас дена дина йиша-ваша дацара сан. Шичой а бацара. Уьш белла, цхьа висча, ден доттагIчо дола деш кхиийра. Амма вина йурт, йуьртахой, и сайн верасаш битина, Аьрзу, хьуна тIетевжира со.
Берахь горга буо хилла ша цхьалха висар дагадарна дара а хаац, йа доттагIчух къаста дезаран хало хIинцале кийра хьаьвзинера а хаац, Маккхалан аз дегийра. Цхьана минотана соцунгIа а хилла, йуха а, хьалха санна, парггIат вистхилира иза.
– Суна дика ваша хилла хьо, Аьрзу. Суна дика вежарий хилла шу, Iела, Чора. Гатийуьртахоша дика дола а дина сан. Нанас дена бина вежарий беллачу дийнахь хилларг хаа, бохаман къахьо Iовша кхетам боцуш, жима вара со. Иза атта лайна ас. Амма, Аьрзу, шу кхаанна, къаьсттина хьуна, хIума хилахь, Дала цхьа собар ца лахь, сатоха хала хир ду суна… Уьш дийца оьшуш дац… Дела ву вайн дегнаш гуш. Цундела уггар хьалха вовшашна къинтIера девр ду вай. Денна, xIop а сохьтехь, xIop а минотехь шуьгара там, хазахетар бен, цкъа а цатам ца хилла суна. Со санна, и вай кхоьллина Дела а реза хуьлда шуна.
Аьрзу шеквелира Маккхала биначу сацамах. Кхузахь сацар кхерамаза хилча, и хабар хIунда дуьйцу цо?
– Да-нана берашна, бераш дена-нанна, йиша-ваша вовшашна санна, Дела къинтIера волийла вайна. Хьо лахь, вешех довлу тхо. Хьо висахь, дика ваша ву тхан. Амма Делан Iожалла сацаелла йац цхьаьнгге а. Мухха делахь а, Маккхал, шу кхоъ новкъа а ваьккхина, буха саца лаьа суна. Хьуна ма-хаъара, кху ткъех шарахь вовшийн дош кхачийна дацара вайша, луург лардинера. Гуттар ахь аьлларг динера ас, цкъа мукъана а сан даге хьажахьа.
Цаьршиннан къамеле ладоьгIуш тийна Iийна Чорий, Iелий дуьххьара вистхилира:
– Маккхал, тхуна а бегIийла йоцуш ду хьо кхузахь витар.
– Аьрзус бохург де ахь, Маккхал.
Амма Маккхала бистхила ца битира уьш…
– Иза йуха дийца ца оьшу, Чора. Оцу тIехь сацам хилла баьлла. Кхин дуьйцур вай. Хьалхарчу тобанан некъ хала хир бу. Цуьнан некъ тахь, кхиамца чекхдер ду вай йухадерзар. Варий, собаре хилалаш. Некъаца йолчу йарташкарчу, шахьаршкарчу бахархошца гIиллакхе хилалаш. Талораш ма делаш. Цул а, йиэхар тоьлур ду шуна. Цхьа ткъех стаг говрашкахь цхьана дийнан новкъа хьалха дIаэхийта. Йартийн, шахьарийн коьртехь Iедал ду. Нагахь Iедало хамталла йахь, дика нах боцуш йац шуна уьш. Оцу Iедале, дикачу нахе шайна кхачанца, оьшучуьнца гIoдар деха. Мелла a гIо данза Iийр бац. Шу йухадерзо тIаьхьа эскарш даха тарло. Дозанехь оьрсийн эскарша дуьхьало йан тарло. Варийлаш, шаьш довлуш герз ма айъалаш. Шайн оьгIазло сацайелаш, Деле собар дехалаш, шайца зударий, бераш, цомгашниш хилар ма дицделаш. Ма-хуьллу машаре, ма-хуьллу гIиллакхе чекхдовла гIорта. Мухха довлий а, дозанах дехьадовла, тIаккха хала дац. Цигахь вайн лулахой гуьржий бу вайца гIиллакхаш догIуш.
– Царна йукъакхаьчча-м, цIахь санна дарий-ц, – сатийсаме вистхилира Чора. – Уьш Iийр бац вайгахьа уозаза.
– Ткъа СолтамурдгIаьрга, БерсагIаьрга ала дезарг хьайна хаьа хьуна. Кхузара жоьжахати дIакхайкхайе нахе. Кхин схьагIертар хьеха а ма дайта. Ткъа туркошкара гIo хир бохучух догдилла, ала…
– Ой, хьо ма весеташ дан хIоьтти, ва Маккхал? – цецваьлла хаттар дира Аьрзус. – Кхузахь гуттаренна а виса ойла-м йац хьан?
Маккхал велавелира:
– Хиндерг Дела воцчунна хаац, Аьрзу. Вай веаннах цхьаъ мукъа а, Делан лаамца, цIа кхачахь, адамех дIатоха дезарш дуьйций ас-м.
– Дерриш ца кхачахь а, цхьадерш цIа кхочур ду вай, – доккха садаьккхира Чорас. – Амма къаьхьа хир ду-кх и цIа. ХIинццалц вайн йерриг дегайовхо кху бусалба туркойн паччахьах йара. ХIинца иза а хаьрци. Ванах, гуттаренна а дуьсур ду-те вай оцу оьрсийн паччахьан Iазапна кIел?
Цхьаммо а жоп ца делира Чорин хаттарна. Цара муха ло, шайна а хууш ца хилча. Шаьш а цунах догуш хилча. Чорин хаттаро ойлане эгийра уьш.
ЦIеххьана ткъес тоьхна, аре серлайаьлча, АьрзугIеран буьнан неIарехь адаман гIаларт хIоьттира.
– Iела…, – кхайкхира гIаларт халла хезаш.
ХIетта набаран тар тесна Iела, шен белшаш тIера верта а дожош, букар таьIна, неIаре вахара.
– Хьо мила ву?
– ХIара-м со йара… Эсет…
ДогIа цIеххьана тийра. Хезара цхьанхьа геннахь лаьмнашкахь къорра стигал къиэкъаш.
Чуйаьлла Эсет, Чорас шега деллачу вертанах а хьаьрчина, цхьана сонехь дIатийра. Хи Iийдалора кучах а, корталех а. ТIадийна месаш логах, беснех а летара. Иза мел къийлайаларх, ца сацалора дего дегI, йеттало цергаш. Амма йуьхь йогура, цIе летча санна. Деган кIоргехь иэхь гIуьттура, ша цхьа йоккха йуьхьIаьржо йича санна. Генара хезаш хетара шега хеттарш дечу Маккхалан аз. Эсет тIаьхьа кхийтира цо хоьттучух.
– Со… сан… тIейаха меттиг бац кхин…
ТIаккха, сауьйзуш йелхаран къурдаш а деш, дийцира шений, Шахьбиний йуккъехь хилларг.
Хезначо Iадийна виъ стаг вехха лаьттира вист ца хуьлуш, оьгIазалла сецош.
– Хьан бедарш тIадийна ткъеззагйевлла, Эсет, – тийналла йохийра Маккхала. – Хи дIаIовдахьа. XIapa сан гIовтал тIе а йухий, коч йакъайала хьалаолла. XIapa Чорин башлакх а йу хьуна коьртах хьарчо. Хьо йаьлча, тхо чукхойкхур ахь.
ДогIанан марханх цIанйала йоьлла стигал кIез-кIезиг серлайуьйлура. Туьпахь, дIа мел хьаьжначохь, къегара хIиттина догIанан Iаьмнаш, кIез-кIезиг лагIлуш, амма тIаьхье ца хедаш охьаоьху Iовраш а.
– Цхьа хIума дагадеана-кх суна, кIентий, – долийра Маккхала, кхо накъост буьнна йуьстаха а ваьккхина. – Кхузахь долу адам шен йиш-вешина гIo дан а ницкъ боцуш ду. Арахьарчу стеган гIoдар хьехочохь а дац. Эсет бен боьхна лела. Хьанна тIетевжар йу и цхьалха йисина декъаза зуда?
– Хьанна тIе бохург, хIун ду? – цецвелира Чора. – Тахана дуьненахь а, кхана къемат-дийнахь а вай виъ ваша ву-кх цунна!
– Цуьнан-м шеко йацара, Чора. Амма вайца хан йаккха хало хирий-те цунна? Цунний, Аьрзуний вовшийн дезар вайна хууш ма ду. Вай кхаанна-м йиша хир йара иза, ткъа – Аьрзуна?
– Ас Делах дуй буур бара-кх шуна, сол дика ваша цунна нанас дена винарг а хир вацарх! – доггах жоп делира Аьрзус. – Йа со къонах вац аьлла, хета хьуна, Маккхал? Йа со оьздангаллех воьхна меттиг хиъна хьуна?
– ХIан-хIа, Аьрзу, ас йуьйцург къонахаллий, оьздангаллий йац. Суна дика ма хаьа хьан дог. Амма хьан деган кIоргехь важа безам бехар бу, денна марсабуьйлуш. Шиннен а… Ашшимма Iазап хьоьгур ду.
– Цхьа Дела воцчунна сан дагара хуур дац. Йа хIинццалц а ца хиъна иза.
– И кIезиг ду.
– Ткъа хьуна хIун лаьара, Маккхал? – хаьттира Чорас.
– И Эсет кху Аьрзун цIар тIе йаккха.
Аьрзун йуьхь, дуьхьал алу тоьхча санна, чахчийра.
– Ахь баккъал бохий иза, Маккхал?
– Боху, дера-кх.
ОьгIазвахана вехьачу Аьрзун багах дош ца долура.
– Дависарг-йаI, и дешнаш соьга аьлларг, хьо а воцуш, кхин велар-кх, – элира цо эххар а оьгIазе. – Цуьнан мотт озийна схьабаккха. Ахь-м со Шахьбел а лахаваьккхи. Баркалла хьуна, Маккхал!
– Суна хетарехь, Маккхал бакъ ву, – гIo даьккхира Чорас, Аьрзу оьгIазваханийла а хиъна. – Нагахь Эсет реза йелахь, дича тарлуш хIума ду иза. Мел-мухха делахь а, кху гаттехь вайца цхьаьна Iен а, некъ бан а аьрха хир ду Эсетна. Ойла йел ахь, Аьрзу. Шуьшинна вовшийн дезийла, дуьненна а бохург санна, хаьа. Дала цхьана кхолламна схьахьажийна иза. Хьуна хIусамнана а, тхуна нус а хир цунах.
Маккхала долийнарг даггара къобал а деш, ша дош ала там ца хеташ, ладоьгIуш лаьттара Iела.
– Хьуна хIун хета, Iела? – цуьнгахьа вирзира Маккхал.
– Кхушиннан барт тайна, и гIуллакх нисделча, xIapa дерриг дуьне сайн хетар дара-кх суна.
– Делахь, Аьрзу, тхуна луург дан деза ахь, – хадамбира Маккхала.
– КIентий, ас лечкъа ца до сайна иза йезар. Цунна со везийла а хаьа. Охашимма вовшашка сатуьйсу шийтта-кхойтта шо ду. Амма цуьнан аьтто боьхначу йукъах пайдаэцнарг хирий-те со? Цу тIе, хIинцца кхо бутт бен ца кхаьчна Гати кхелхина а…
TIe гIовтал а йуьйхина, коьртах башлакх а хьарчийна арайаьллачу Эсета чубийхира уьш.
ШолгIачу дийнахь, шаьш новкъа довлале, Тарам а, МIаьчиг а тешаш хIиттош, Эсет Аьрзун цIар тIе йаьккхира Маккхала…
Кавказан Наместнико, Кавказски Эскарийн Коьртакомандующис, инарла-фельдцейхмейстро, Цуьнан Императорски Локхалло Воккхачу эло Михаил Николаевича тIеман министре Милютине деллачу рапорта тIера.
№ 1874. 28 декабрь 1865 шо
«…Кхалхар доладале хьалха Портас биначу тIелацамца, вайн дозанашна гергайолчу пашалыкашка нохчий дIатарбойла йацара. И тIелацам цхьа сиз а ца талхош кхочушбар вайна мел доккхачу маьIне ду хууш а, туркойн администраци шина правительствон хиллачу бартаца цадогIу гIуллакхаш лело гIертахь а аьлла, кхузара вай дIахьийсо партеш Анатолехь дIанисйарна тIехь тергам латто Портас бина тIелацамаш нийса кхочушбар туркойн Iедалера леха бакъонаш а йелла, кхалхоран йуьххьехь тIеман комиссаран бакъонаш кара а йелла, Генеральни штабан капитан Зеленый Турце хьажийра ас.
Ас ла ма-деггIара, туркойн Iедалан ша бина тIелацамаш кхочуш ца бан ойла хилла, вайн дозанашна гергахьа соьцу нохчий цигара дIабаха цхьа а тайпа гIулч ца йаьккхира. Туркойн администраци Ванний, Мушаний гондIа Iен лууш болу нохчий цигахь бита гIертийла хиъначу капитано Зеленыйс кхалхийнарш дIатарбарна тIехь куьйгалла дечу туркойн комиссаре Нусрет-паше июль баттахь сацамболлуш дIахьедира, уьш, цигара дIа а бахий, барт бина ма-хиллара, Диарбекирна а, Эрзинганна а дехьа дIатарбе аьлла. Оцу хьокъехь шаьшшимма вовшашка йаздинчу кехаташка, хиллачу къамелашка ладоьгIча, капитанна Зеленыйна хиира центральни правительствос Нусрет-пашина йелла инструкци вайца хиллачу бартаца йогIуш цахилар, нохчашна магийначу меттигашна йукъара йа Ванан а, йа Мушан а пашалыкаш оцу инструкцица дIайаьхна цахилар. Меттигерчу Iедалшна а, комиссарна а хьалха ша хIитто лехамаш кхиам боцуш буьсийла хиъначу капитано Зеленыйс телеграфца и гIуллакх Константинополерчу вайн векале дIахаийтира. Шайн комиссаро дIахьо некъ шаьш къобал ца бо Портас моттийтинехь а, шина правительствона йуккъехь хилла барт нийса кхочушбар чIогIа тIедуьллуш, Лaкхарчу визиран цIарах цуьнга омра динехь а, амма нохчашна шаьш билгалйинчу меттиге уьш дIабига уггар аьттонан цхьа бутт хан хIумма а ца деш йахийтира цара. Цунах пайда а эцна, нийсса ах гергга нохчий Мушана гуонаха гулбелира, ткъа тIаьхьа тIеоьху партеш Эрзерумски аренашкахь севцира.
Константинополера и омра а кхачале, капитанан Зеленыйн дIахьедаршца, Нусрет-пашас хьалха Эрзерумски вели хиллачу ИсмаьIал-пашина тIедиллира, Эрзерумехь севцца нохчий Карпуте дIахьовсабе аьлла. Нусрет-пашин иза а, тIаьхьа тIе дина омранаш а тергал ца диначу ИсмаьIал-пашас нохчийн аьтто бира Эрзинганехь волу Кундухов Муса (вайн эскарийн инарла-майор хилла) шайна тIекхаччалц цигахь совцо. Ткъа шен аьттонна уьш Анатолехь муьлххачу а цхьана меттиге гулбан Iалашо йолчу Кундуховс, Карсей, Мушей а вахана, Нусрет-паший, капитан Зеленый Эрзерумехь цахиларх пайда а эцна, Карпуте хьийсо Эрзерумера нохчий, цига а ца бохуьйтуш, Муше хьовсийра. Цул тIаьхьа, Нусрет а, меттигера Iедал а мел гIертарх, Муше бен, кхин цхьаннахьа а ког дIатосур бац шаьш аьлла, дуьхьалбевлира нохчий. ТIаккха кхечира лакхахь дийцина Мушера нохчий Диарбекире хьовсабе боху Портан омра…
…Партеш цига дIахьовсорна тIехь гIo-м муххале ца дира меттигерчу Iедало, мелхо а, оцу гIуллакхна новкъарло йора. Туркойн администрацин кIедалла бахьана долуш, хIумма а дан ницкъ ца тоьъначу Нусрет-пашас дийхира ша комиссаран декхарех мукъавитар. Иза мукъа а воккхуш, цуьнан декхарш дерриш а Эрзерумски керлачу велина Эмин-Мухлис-пашина тIедехкира. Ша барта хIуъу дийцахь а, башха xIapa аьлла хIума ца дира цо а. Йерзинчу стигала кIел шелонехь бисина нохчий дохкобевлира шаьш даймохк битарна. Оцу хьоле эгначу царах цхьаберш, вайн агIонгахьа берза Iалашо йолуш, Александрополе боьдучу новкъа бевлира.
Константинополо меттахъхьадина меттигера туркойн Iедалш эххар а самадевлира, амма хIетале Мушан округе 18–20 эзар гулвеллачу нохчочо сацамболлуш дуьхьало йира цигара дIавала. ТIехула тIе, цара къоланаш, талораш дора, нах бойъура, керстанийн йарташ йохайора. Оцу дерригенал сов, Мушана шозза атака йан гIоьртира, дуьххьалдIа меттигерчу эскарийн начальник жигара хилар бахьана долуш бисира Мушан бахархошний, нохчашний йуккъехь боккха тIом ца хуьлуш. Иштта чекхбелира сентябрь. Мушана гуонахара ламанхой дIабаха ойла йу-йац капитано шега хаьттича, велис Эмин-пашас Лакхарчу визире нохчашна дуьхьал герз даккха бакъо йийхира. 7-чу октябрехь велина кхечира и йехна бакъо, цуьнца цхьаьна омра деара, нохчех дукхахберш Диарбекирски областе а кхалхабе, бисинарш Iа даккха Ваней, Мушей, Эрзинганей, Байбуртей, Эрзерумей, Чильдирей а дIатарбе аьлла. Капитана Зеленыйс дуьхьало йора уьш Ванехь, Карсехь, Чильдирехь а битарна…»