bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

IV корта. Хьеший

Цкъацкъа аьтто хуьлу халкъ Iехо, амма – цхьана ханна; тIаккха – халкъан цхьа дакъа дехха Iехо; амма массо а хенахь халкъ Iехалац.

А. Линкольн

1

Курински гIопe дечиг кхехьа йахийтина кхо салаз дукъаца боьдучу новкъа меллаша хьалагIертара.

Хьалхарчу буса диллинчу лайно хIиттийна саьнгарш йохош, махо датийна ло гай кIел хIуьттуш, хьуьхьдоьлла хьалха гIертара стерчий. Хеталора, церан маройх туьйсучу Iаьнаро новкъара ло, дашийна, татолашка дерзор долуш санна. Шийла йара дукъаца. Стерчийн вортанех, накхойх дуьйлу хьацар, оцу минотехь ша а бой, чоьш тIе кIац лоций, дIадовра.

Лайлахь некъ буьллуш, гуттар а хьалха баха шина старана хала хуьлу дела, салазаш роггIана хьалха а йохуш, богIура уьш. Некъ дукъах охьа Гати-Юьртехьа чухьаьвзича, атто хилира хьайбанашна.

Цхьанаметта кхаа дийнахь Iийра IелагIар цигахь дечиг кхоьхьуш. Шен а, Чорин а цхьацца сту а боьжна ваханера иза, Бена некъ баккха ца вахархьама. Долахь сту-ворда йерг мукъавоккхура некъаш тIехь болх бечуьра. Кешанера хьала Бена а, Майртуьпара дIа ГIоьрдала а керла некъаш дохуьйтуш дара Iедал кху Iай. Инзаре хала болх бара иза. ГIорийна, жагIане латта. ЗIокберг тоьхча, суйнаш а туьйсуш. ДуьххьалдIа латта ахкар бен, кхин болх бацахьара а, дацара хала. Цкъа хьалха тIера хьун, хьаькхна, йуьстаха а йаьккхина, йаго дезара. Кхааннан а мара ца тарлуш, стигала мархашка хьалаихна къена пепнаш. ТIейуха йоцу йовха бедар, и йекъа шело. Цигахь когаш а бахьийна цIа веанера Гати-Юьртара йалх стаг. Царах цхьаъ миска Васал вара.

Эвла кхаьчча, гаттийчу, гомачу урамашкахула дIасайекъайелира салазаш. Шаьш цIадерзарх башха воккхавеш а вацара кхо стаг. Кхана Iуьйрре ваьккхина кхечахьа хьажо тарлора. Керла йуьртда ХортIа шен къизаллица Iосел тIехваьллера. Мел къиза велахь а, Iоса майра стаг вара. Хьаькамашка бийца мотт а карабора цунна, цаьрга ша ларийта а хаьара. Ткъа шен цIоканах, хьолах вогу сутара кIилло ХортIа, Iедална хьалха дикачу цIарла хила гIерташ, чуьраваьлла хьийзара. Хьаькамаша ша хастош дош эр дуьйла хиъча, и йерриг Гати-Юрт йаго реза хир вара иза.

Стерчийн йуьхь а лаьцна Iела кетIарчу зIарах чоьхьаваьлча, йедда цунна тIейеара Айза. Зудчун йекхайелла йуьхь а, йоккхайеш богу бIаьргаш а гича, цецвелира майра.

– Кхоана хIун ло ахь? – мохь беттара цо геннара дуьйна.

– ХIун хилла?

– Ахь кхаъ ца биллахь, дуьйцур дац!

Цхьа бIаьрнегIар тухучу йукъана Iелин коьртехь масех хаттар а, царна жоьпаш а хIиттира. Ванах, хIун ду-те, xIapa оццул йоккхайе, хилларг? Сан белларш денлойла а дац, суна тIедан кхин йиша-ваша сан а дац. Аьрзус зуда йалийна-те? Хьехош хIума-м ма дацара. Атто старгIа йа кхело бекъа йина ала меттиг а бац. ХIун ду-те хилларг? Сийсара дуьйна меран буьхьиг кIамлуш-м вара-кхий со. Цхьа хазахетар ца хуьлу-те?

– Алий йалахьа, токхи, хIун ду хилларг?

– Эр дац, ахь кхаъ ца биллахь!

– Ac хIун лур йу хьуна? Со верриг а хьан ву-кх. Кхин хьуна дала со да волуш хIума дац-кх сан.

Майрачун карара дуьхьлоцу схьа а лаьцна, шен эсала Iаьржа ши бIаьрг лахара хьала Iелина тIе а боьгIна, ховха балдаш, халла хаалуш дегош, хьалхакховдийра цо.

– Иза-м хиндерг дарийца! – зудчун балдаш тIе байн пIелг таIийра Iелас.

– Вайга хьаша веана! – бер санна, кхоссайелира Айза.

Iелин хIинцца бен тидам ца хилира кертал арарчу цхьана говр-салазан, paгIy кIел хьаьвдех тесна, хIоъ бууш лаьттачу йерстинчу йоккхачу кхелан.

– Мила ву иза?

– Тидал!

Иза мила ву хьажа сагатделла Iела, стерчий Айзехь а дитина, чухьаьдира. Амма цIа чохь цхьа а вацара. Хьаъа винехь а, цхьамма вина дечган жима пелхьо а ловзош, товханна хьалха хиъна Iен Iумар, шен ловзарехьа ваьлла, схьа а ца хьаьжира дега. Аганахь ховха наб йеш Iуьллура Iусман. Амма цIа тахана ма-хуьллу чIогIа кечдинера Айзас. Баьрчерчу поппаран маьнги тIе даржийна дара хийра хьаша веача бен схьа ца оьцу Айзин цхьаъ бен доцу къорза истанг. Товхана оьллинчу цIестан йай чохь кIежтуьйсуш кхехкара котамаш. Иштта чомехь кхача сих-сиха ца хуьлура IелагIеран хIусамехь. ЦIа чохь томканан кIуьран хьожа йогIура. Хьаша ара дIасаваьлла хир ву-кх аьлла, дагадеана, йухахьаьвзаш воллучу Iелин цхьамма, тIехьашха куьйгашца бIаьргаш дIа а къовлуш, корта лецира.

Iелас меллаша куьйгаш хьаькхира шен бIаьргаш тIерачу куьйгех. Даккхий, айраш санна, декъа дара уьш. Лакхо кхевдича, карадаьхкира стаммий нуьцкъала пхьаьрсаш. Коьрте кховдийна куьг йуькъачу, морсачу можа йукъа дахара. Цхьаццаннан йоккхуш, шен генарчу доттагIийн цIераш йехира Iелас. Амма тIехьа лаьттарг вист ца хуьлура.

– Суна вовзац хьо, ас къурд олу, – элира хIусамдас, гIаддайна.

Стага, бIаьргаш дIа а хецна, шегахьа а верзийна, къевллина маравоьллира иза.

– Де дика хуьлда хьан, хьомсара доттагI! – хезира бIаьргаш чуьра бода дIабалазчу Iелина оьрсийн маттахь.

– Андри!

ХIинца цо иза къуьйлура шен мара.

– ЭхI, Iела, Iела! – шен морса маж Iелин бесни тIе теIайора Андрейс. – Дийна-м хиллений хьо! Кхо шо дара-кх суна хьан хабар хазаза. Кху агIор цхьа хьовр-зIовр хилла аьлла хезча, дийна висин-те, махках ваккхаза висин-те иза олий, масане ойла йора ас. Кхин суна гучу ца волуш Iевеллий хьо!

– Къен стаг а, велларг а цхьаъ ву, Андри, – бохура Iелас, шена тIера схьайаьккхина гIорийна кетар неIарехь пенах боллучу дечган стоммачу хьостамах хьала а уллуш. – Къоьлло стаг доттагIех а, безачех а хадаво. Иза мел майра, хьуьнаре, хьекъале велахь а, ши кепек а мах бац цуьнан кху заманахь. Охьахаахьа, Андри. ОхI, ма дика ду-кх хьо веана.

– Хьал IаьIаш а, цхьана дийнахь хьаьвзий, тIепаза йовш а хIума йу, Iела, – поппаран маьнги йисте охьахиира Андрей. – Коьртаниг – вайгахь адамалла а, оьздангалла а хилар ду. Вохий ма хьовза хьо!

Андрейна дуьхьалдерзош лоха гIант хIоттийна, оцу тIе охьа а хиъна, шен когара неIармачаш дIайаха вуьйлира Iела:

– Иштта-м дара иза, Андри. Хьуна хьалха сайн декхар кхочуш ца дина ас. Ца Iийна хьуна со ахь дина гIуллакх дицделлий, шу ца дезашший-м. Тхан нохчашна цкъа а дицлац шайна дина дика а, вуон а. ДуьххьалдIа, кху неIалт хиларо, къоьлло, таIийна, меттах ца волуьйтуш, Iийна-кх. ТIаккха, Андри, хьо-хьуо веана?

– ХIан-хIа, накъост ву соьца. Сан гIоьнча Яшка. Хьуна вевзар вац, керла ву иза.

– Дийцахьа, хIун деш йу Наташ? Могаш йуй xIapa? И шен нисделла бепиг а доттуш, Iа хир йу хIинца а?

– Могаш йу, массаьрга а маршалла даийти. Амма, ахь гергарло дIатасарна, чIогIа хьуна оьгIазйахана!

ХIетта дIадаьлла вуохар йуха а гучуделира Iелин йуьхьа тIехь.

– Бехк бац, – бехказвала вуьйлира Iела. – ВаллахI Делора, мукъа де-м ца хуьлу. ГIопехь ворданца болх бан, йа некъ баккха, йа цхьа хьаькам цхьанхьа оьций, вохуьйту. Тахана-м цIахь виси со аьлла, сайн гIуллакх дан кечвеллачу меттехь, воккхий, цхьана агIор дIавохуьйту. Йа хьажжийначу дIаваха веза, йа гIуда такха деза. Шортта хьал делахьара-м, Iедална гIуда а тоькхуш, цIахь Iийр ма варий.

– Ас-м забар йора, Iела, – йухахьовзийра Андрейс, ша олучух Iелина забар ца хуьлий а хиъна. – Йоккхачу стагана шера хаьа, хьан аьтто боцийла.

– Ткъа Ванка хIун деш ву? Зуда-м ца йалийна хIокхо?

– Ванях стаг хилла. Стохка зуда а йалийна оха цунна…

– ЭхI, Андри! Кхин иэхь ца хетий хьуна! – баккъал а дегабааме велира Iела. Шен коьртара баьккхина куй баьрче кхоьссира цо. – Ишттачу метте тхо догIур ма дара, кху цIенойх цIе йаьллехь а. ХIорш дага а дитина. Дийца оьшуш дац, ледара хьеший ду вай. Къонах вац вайша ший а!

Воьхна Андрей шен йуькъа Iаьржа маж, ахкарца санна, пIелгашца шарйан вуьйлира.

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, ва Iела? Шун шайх лаьцна, Шелахь нах байъина йукъ ма йара иза. ХIинций-хIинций тIамца шу станицашна тIедогIу бохуш, буса тоьпаш марахь буьйшура гIалгIазкхий. Вуьшта а гIоьртина долу вайна йуккъера хьал! Цхьана вуьзна хьерваьллачу гIалгIазкхичо шуна зулам дича, соьга лалур ма дацара. Iедалца къийса ницкъ ма бац со санначу мисканан. Тохара хьой, Айзий дуьххьара тхан станице деача, шаьшшинна тIехь хIоттийнарг дицделла хьуна?

Стерчий паргIат а даьхна, чуйеанчу Айзас йукъахдаьккхира кхушиннан къамел.

– БогIий суна кхаъ? – йоьлуш, Андрейга а хьоьжуш, хаттар дира цо.

– Бан-м муххале а богIура хьуна иза, амма чам бац-кх цхьа доккха хазахетар хьуна дан ницкъ бацар!

– Хаьий хьуна, Iела, тахана схьакхаьчча, сан мел таро йоьхнера? Хетта а, дийца а дезаш дукха хIуманаш дара, ткъа тхойша вовшийн маттах ца кхетара, – Айзегахьа корта ластийра Андрейс. – Хьо а, Аьрзу а цIахь ца карийна, таро йоьхнера сан. Амма Iумарца сихха йукъара мотт карийра тхуна. Къаьсттина чIогIа доттагIалла тасаделла кхуьнан сан накъостца Яшкица. Айза дуккха а хийцайелла хьалхачул. Тхан зударий баккхий мел хуьлу стамло, шуьниш азло.

– Тхан хилац берстина нах, стеган дегI дуткъа, элдара хила деза. Веллавала со делаI, уггар хьалха хатта везарг вицвина Iаш ву-кх со! ХIун деш ву сан орцахо Корни? Цуьнан доьзал буй могаш?

– Могаш, дика бу. Логгец оцу шен къоьлли йукъа а вахана воллу-кх. Цкъацкъа, буьйсанна дIасаволий, катуху. Шун обаргашца бертахь ву иза.

– Могаш хилчахьана, кхидерг-м тарлур дара. Амма майра кIант ву-кх! Оцу дийнахь иза майдана ца нисвеллехь, йуьхьIаьржо хуьлура суна. Дела реза хуьлда цунна! Дала аьтто бойла цуьнан!

Чу чоьлпа а хьовзийна, чуьра котаман тIам схьа а эцна, иза кхихкинийла хьожуш, пIелгашца оза а бина, галнаш йан тохайелира Айза.

– Вайн важа хьаша цIа кхайкха веза, стаг. Сан галнаш сихха схьайевр йу.

– Ой, стенга вахана иза? – хаьттира Iелас Андрейга. – Иза хIинций-хIинций чувогIу бохуш, хабаре валларх ма Iай со-м.

– Йуьрте бIаьрг туху ша аьлла, аравелира-кх иза.

Iела, шена тIе кетар йуьйхина, кога мачаш туьйдина, аравелира.

Чохь шаьш дисина Андрей, Айзий вовшашка бийца мотт боцуш дIатийра. Ахьаран мижаргах галнаш йеш йоллучу Айзин кадечу куьйгашка хьоьжуш а Iийна, тIаккха Iумарехьа вирзира Андрей. Шен пелхьо ловзо гIерташ, амма гIуллакх ца хуьлуш, мара хьалауьйзуш, вехьаш воллу иза, шена тIе а вехна, караийцира хьешо.

 

– Ма къонах а ву! Мера кIел седа а кхетта! Схьайтал!.. – киснара схьадаьккхинчу къорзачу йовлакхца Iумаран мара схьалецира цо: – ХIан-хIани, «хIинкх» алал! ХIай-хIай! Вуьззина къонах ву! Обарг! Таппа ша Iела! Амма Дала тIе ма доуьйтуьйла хьуна хьайн ден, дендайн новкъа лелар. Дала ирс лойла шуна мукъа а! Дала Iалашдойла шу кху дуьненан харцонех!

Ша межарг хьакхо йоьллачул тIаьхьа бен ца гира Айзина кIентан бехбелла мара. Галнаш йина ца йаьлча, и цIанбойла доцуш Iийна иза, хIинца, Андрейх иэхь хеташ, текха тIе йуьхьар йоьлла йоллура. Оцу йуккъехула самавелира аганара Iусман а. Лари тIе ког а теIош, Айза ага техко йоьлча, иза шена улло уьйзира Андрейс.

– Дита, ас тахкор ду, – элира цо Iаьржачу можаний, мекхашний йуккъехула эсала воьлуш, андий кIайн цергаш гучу а йаьхна.

Хьеше бийца мотт боцчу Айзина шарал йахйеллера майра араваьлла и кIезиг хан. Цхьадика, дукха ца Iаш, Яшкица чувеара иза.

– Аьрзу стенга вахана, Iела?

– Делхьа хаац суна-м, иза мичахула лела. Со цIера араваьлла кхо де а дара. ХIинца, Яшка, хьайна тIера сов бедар дIа а йаккхий, паргIатвалал.

– ЦIа вогIург хир ву иза?

– Аьрзу бахий ахь? Хаац, тахана-кхана кхача мега.

Шена тIера дабагIа динчу кхекхийн тиша кетар, когара лиэтийна йеза эткаш дIа а йаьхна, маьнги йисте охьа а хиъна, Андрейгара аганан гIаж схьаийцира Яшкас.

– ТIаккха, Iела, кхушара йалташ муха хили шуна? Кхузахь а йу, бохура, йоккха йокъа?

– Йокъа хилла ца Iара и, Андри. ДуьххьалдIа латта, кхарзаделла, паста санна, лилхинера. Цхьаннахьа а гуш соьналла-м, дера, йацара. Халла хилларг а хIаллакдира стигалахь бода бина деанчу цIазо. Хаац, Далла хьалха оцу таIзарна тхо мича бехке хиллера. Молланаша бохура, тхан Iесаллина Дала боссийна бала бу иза. Далла хьалха а, Iедална хьалха а вуонаш хилла-кх тхо пекъарш. Доцца аьлча, гIуллакхаш доьхна ду. Дерриг галдаьккхина латта кIезиг хиларо. Тхан долахь дисинарг а дац дуьйш-дерзо мегаш а. Къена хьаннаш, бердаш, токхамаш. Дукхахдерг – саз-латта. Халла лаьттах хьалайаьлларг а мажлой дIахIутту. Адам, бохий ахь, дукха IаьIна. Тхо ца леш а, йа бераш дебаш а дац иза. Хьалха Теркаций, Соьлжиций хиллачу нохчийн йарташкара нах, Iедало шайгара мохк дIабаьккхича, дукхахберш кхелхина тхуна йукъа, лам чу, баьхкина. ТIекIел кху кIажахь дохку-кх. ХIинца бIаьсте йаьлча, кхузара а дIадоху, боху. Тхо Сибрех а кхалхийна, кхуза гIазкхий балор бу бохуш, дуьйцу. Цундела дуккха а нах Хонкара кхалха кечлуш бу.

Кху тIаьххьарчу хенахь станицашкахь, дIа мел ваьллачохь а, ши стаг цхьаьна мел кхеттачохь а, нохчий Турце кхалха кечлуш бу бохуш, хезара. Амма билггалдерг цхьанне а ца хаьара. Цхьаберш баккхийбера нохчий кхалхош, амма дукхахболчу гIалгIазкхийн дегнаш лозура царах. Гора цаьргара Iазап, гIело. Ткъа цунна бехке шаьш хетаро дегнаш огура.

– Баккъал а аьлча, и хIун ду, ва Iела? Со кхетавехьа цунах.

– Кхин дан а дац. Тхайга хIоьттинчу къоьллой, мацаллой бIарздина лела-кх. Тхоьгара дIадаьккхина уггар тоьлла латта шун гIалгIазкхашний, тхоьца хиллачу тIамехь шена гIо динчу тхан къомах йевллачу цхьацца писашний декъна шун Iедало. Оццул мохк ца оьшура гIалгIазкхашна. Церан долара ах мохк, цхьаммо а оьцуш дезар доцуш, тIе къух даьлла лаьтта. Ткъа тхо, латта ца тоьуш, мацалла Iуьйшуш ду. Дерриг тхан рицкъа лаьттаца ма ду. Цунах хаьдча, тхо делла. Къоьллина а сатухур дара оха. Амма Iедало тхаьш сийсаздар ца лало. Муьлххачу а оьрсичунна ша тхан хьаькам хета. Ша тхуна хIуъу дан мега, моьтту. Тхан лаг ши корта болчу аьрзуно Iуьйду. Де дийне мел дели, мIараш къуьйлу цо. Хьаннаш, хьоькхуш, йагош, хIаллакйо. Тхан чIагIо дIайаккхархьама, массо маьIIе гIаьпнаш йоьгIна, уьш эскарех йуьзна. Кхана Iуьйрре эр ду, хIан-хIани, нохчий, охьадиллал герз, довлал салт, дитал шайн дин. Резавоцчунна сийна Сибрех йу шуна. Хиндерг ма ду иза. Цунах бевдда боьлху нах.

Андрей вист ца хилира. Iелас дуьйцург цхьадерг бакъ дара. Андрейна тахана дуьххьара гинера нохчийн йурт, церан Iер-дахар. TIe латта тесна йа гIодмашца къевлина тхевнаш долу миска цIенош. Цхьана а корана тоьхна ангали дац. Цигашха лецна стерчийн ахкаргаш ду йа тIелхигашца, йа хьардашца дуьхьалонаш йина. Чекх дарц хьийзош неIарш. Чохь йиллина товханахь йагочу цIаро Iарждина дерзина пенаш. Iаьнан заманахь чуьра арадовла йиш йоцуш, оцу кIуьрехь хан тоькху дерзина бераш. Баккхийчарна тIехь а дац мегарг чоа, кетар. ТIехула аьчган мекха текхийча санна, кердигаш тийсина йу бедарш.

Тахана АндрейгIар баьхкина йуьрта кхаьчча, дуьхьал мел кхеттачо, сецош, кхушиннан куьйгаш лоьцуш, маршалла-деналла хоьттура. Шайгий-шайгий кхойкхура. Иэшахь, гIo кхийдадора. Иза церан гIиллакх дара. Гуттар тIом карзахбаьллачу шерашкахь а иштта тIеоьцура цара машарца шайн йуьрта веана оьрси. Цуьнан гIуллакхе а хьовсий, и кхочуш а дой, могаш-маьрша цIа хьажавора. Бекхам цара кхечахьа оьцура. ТIеман арахь. Герз карахь шайна дуьхьалваьллачохь, герз карахь тIамца шайн йарташна тIегIоьртинчохь. Царна хIинца а хаац оьрсийн халкъан шайца мостагIала доцийла, шаьш санна, иза а паччахьан Iедална кIел гIело хьоьгуш дуйла. Ца хаьа дукхахболчу гIалгIазкхашна и тIом a, xIapa денна хуьлу тийсадаларш а, хаддаза ирло xIapa мостагIалла а кIордийна сих, пехех чекхдаьллийла, шаьш санна, цара а машаре, маршоне сатуьйсийла.

Оцу жимачу халкъана тIехь хIоттийначу харцоно, къизалло дог огура Андрейн. Цунна ша бехке волуш санна хетара.

Стенна делахь а, тахана цунна дагадеара дуьххьара шена Iела вевзина де.

2

Теркан гIалгIазкхийн шатайпа столица йара Оьрза-ГIала. Кхуза хьажа-хIотта чуверзаза тIех ца волура Кавказе веана муьлхха а цIейахана стаг. Кхузахь хиллера инарла Ермолов а, эла Гагарин а, Воккха Эла Михаил Николаевич а, гIараваьлла Александр Дюма-да а, Лев Толстой а.

Нохчмехкан дозанерчу станицех уггар хьалдолуш йара иза. БIе ткъа чаккхарма дIасадаьржина дара цуьнан ши бIе эзар десятин латта. ХIор а гIалгIазкхичун доьзална, йуккъерчу хьесапехь, бIе итт десятин. Ткъа оццу хенахь нохчийн долахь бисина берриг мохк кхузткъе итт йеакIов миль бен бацара. ОьрзгIалахойн мохк цхьа шатайпа вуон амалш йолуш бара. Аьхка, xIop а денна бохург санна, кхечахьа доцчу тайпана, къилбаседа-малхбалехьара цхьа чехка мох хьоькхура кхузахь. Йоккхачу гIовгIанца цо гIатточу чено мокха дохк хIоттадора бIаьрго ма-лоццу. Оцу йуккъехула стигалахь гуш хуьлура, цIестан шун санна, горга маьлхан цIен хIоз. Ишттачу деношкахь арахь гуш садолу хIума ца хуьлура. Дарц санна, хIаваэхь хьийзачу гIамаро бIаьрг белла а, садаIа а ца вуьтура. Иза гIертара бIаьргаш чу а, мера чу а, бага а, лергаш чу а. Хеталора, иза пехаш чу оьхуш санна.

Iела дуьххьара цига вахара тIом чекхбаьллачу шолгIачу шарахь. ХIетта Айза а йалийна ваха хиъначу кхунна бахамехь оьшуш дукха хIума дара. Сту-ворда хьовха, атталла марс-мангал а, бел-шада а дацара церан долахь. Оцу шерашкахь лам чохь къаьсттина къен дара эчиг а, туьха а. Уьш каро-м хала а дацара, дIадала ахча хилча. Ткъа Iелин долахь дацара бурмах вала шай а. Айзас хьаннашкара лехьийна кхораш, хьаьмцаш, цIахь бина бIаьлланган кIора а эцна, шен а, Чорин а цхьацца сту а боьжна, Айзица Оьрза-ГIала вахара иза.

Цига герга мел гIоьрти, дохковуьйлура иза новкъаваларх. Кхузахь хьаннаш йара, тоьхча, йукъа чIу a гIyp боцуш йуькъа. Цхьаьнгге а чуьра дечиг ца хьадойтуш, чIогIа Iалашйеш. Йуккъехула – хаза нийса некъаш. Чуоьхучу сирлачу шовданийн хиша буьзна куьйга баьккхина боккха хаза Iам. Цунна гуонаха, бурсанечу дитташ кIел, тIе охьаховша дина гIанташ, тховкIелош, лекха бираьнчикаш. Дуьнен чохь цхьаннахьа мацалла а, иэшам а боцуш санна, оцу исбаьхьчу хьаннашкахула сакъоьруш доладелла лела адам. БIаьрго ма-лоццу йийгIина кемсийн бошмаш.

Кхузахь хьанна оьшура хIокхара дохьу хьаьмцаш, кхораш, xIapa дечиган кIора?

Ломахь санна, тIелхигдевлла дацара кхузара адамаш а. Нохчийн бустамаш долу чоэш дуьйхина, коьртахь, чукагбеш, aгIop тоттуш, бIаьрга тIетаIIош техкина холхазан куйнаш, нохчийн безачу механ герзаш йукъахдихкина божарий. Зударшна тIехь шуьйра пхьуьйшаш а, йаххаш а йолуш кучамаш. ДегIана хьажош йиначу чилланан кофтанаш тIехь лепара чаьразийн тайпа дина дато туьйдаргаш, йукъ кховллуш дихкина шуьйра дато доьхкарш. Коьртахь бес-бесара чилланан корталеш.

Ши чаккхарма йеакIов йоккха йара Оьрза-ГIала. Йерриг йурт чулоцуш йина йуьйцина керт йара, тIехула кIохцалийн коьллаш а лаьцна. Йеа aгIop йуьрта чуван дитина, тIечIогIуш онда неIарш а йолуш, диъ ков. ХIор а ков лардеш пхийтта-йалхитта шо хенара божабераш.

IелагIар станици чу а буолале, массарна а хиира хIорш богIийла. ХIорш къилбехьарчу кевне ма-кхеччинехь, ведда станице ваханчу цхьана кIанта, хIорш хIун нах бу хьажа, гIалгIазкхи валийра. Цунах чекхбевлла IелагIар станици чубоьлча, цхьацца-шишша гуллуш, берийн йоккха тоба хIоьттира хIокхарна тIаьхьа. Вовшашка маьхьарий а бетташ, кетIа буьйлура зударий а, нах а. Станицин нийсачу, шуьйрачу урамехула дIадоьду xIapa шиъ йуккъерчу йоккхачу майдана кхечира. Цигахь дара Червленски гIалгIазкхийн полкан канцелярин шозза тIекIелдина цIенош. Уллорчу гауптвахтин неIарехь баттара даьккхина тур буйнахь лаьттара гIалгIазкхи. Гауптвахтех тоьхна дара полкан командиран цIа. Царна уллохь кхозучу вечин горгалина гонаха мукъалла гулбелла пхьоьханахь лаьттачу гIалгIазкхаша, тIе а баьхкина, гуо бира майданахь сецначу Iелин ворданна.

Цхьа массанан йаххьашна тIехь шега цабезам гича, шен доьхна дог ца хаийта гIертара Iела. Шен дахарехь иза дуьххьара ма вара станицехь. Баккхийчу нахера дукхе-дукха довха дешнаш хезнера Iелина хьалха нохчашний, гIалгIазкхашний йуккъехь хиллачу гергарлонан йукъаметтигех лаьцна. Цара йийцинчу а, таханлерчу а шина заманна йуккъехь бехачу тIеман цIеран лекха арц лаьтта. Оцу йуккъехь масех тIаьхье а хийцайелла. ДIайаханчу заманахь шина а агIорчийн дай, цхьа вежарий санна, бертахь баьхна. Ткъа церан тIаьхьенех вовшийн мостагIий бина паччахьан Iедало. Оцу тIамо а, Iедало а хийцина адамийн амалш, гIиллакхаш, дог-ойла а. Адамаллех бохийна, акхаройн амалшка берзийнарш а бу. Хьанна хаьа, Iеле оьгIазе хьоьжучийн да, ваша, кIант нохчаша вийнехь а? Царах цхьанна чIир йекха дагадагIахь? Хьерадевлла адамаш массанхьа а ма ду. Шиннахьарчийн йарташкахь.

Цул сов, Iедало ша а дуьхь-дуьхьал ма Iуьтту xIapa ши къам. Йуккъе мостагIалла, цабезам, цатешам буллу. Изза до мозгIарша а, молланаша а. Бусалбанашна а, керстанашна а йуккъехь машар-барт хила йиш йац, боху. Церан массеран а меттанаш, гIуллакхаш бахьана долуш мостагIалла доьлла нохчашний, гIалгIазкхашний йуккъе. ХIунда дора иза? TIe, цара дуьйцучух хIунда Iехало нохчий, гIалгIазкхий? Шиннахьарчийн дай ма баьхна, цхьа доьзал санна, бертахь. КхидIа а даха хIунда ца мега? Мега, дера-кх, амма дитац-кх. Оцу питанчашна оьшу хир ду-кх иштта мостагIалла…

Iела гIалатваьлла ца хилла. Цуьнга гома хьоьжучех хьаьрсаниг, пхьуьйшаш хьала а керчош, стаммий пхьаьрсаш гучу а дохуш, стомма ворта а саттийна, бугIа санна, меллаша Iелина тIевогIавелира.

– Вежарий! Айкх ма ву xIapa! Лачкъо хIума йуйла хьажа ваийтина! – цергаш хьакхийна, цIеххьана Iаьхира иза: – Йетта басурманна!

Айза букъа тIехьа а лоцуш, ворданна тIе йухавелира Iела. Цуьнан шен бертаза вертанна чухула доьхкарх йоьллинчу шина тапчина тIекхевдира куьйгаш. Амма цо йухаозийра уьш. Собар дара коьртаниг. Айза мукъана а ма йелара цуьнца. Берах ма йу иза…

И дерриг а бIаьрнегIар тухучу йукъана хилира. Амма оцу минотехь тобанна йуккъехь маьхьарий девлира:

– Йухавала, сволочь!

– Станицина иэхь дан воллу хьо!

– Фролов! Хьоьга ца боху ас йухавала!

Тобанна йукъара схьаваьлла цхьаъ Iелиний, Фроловний йуккъе хIоьттира.

– ХIан-хIа, и хьайн хьаьрса диркх хьалаайъал, ФроловгIеран зуд! – чоин пхьуьйшаш хьалакарчо хIоьттира Iелин орцахо. – Айъа, айъа! Ас силу йийр йу хьан иза!

– ДIайала хьалхара, пис, – кIоршаме човхийра иза Фроловс. – Хьо тайпа сагIадоьхургаш йу цара шайн лаьмнашкахь, мара а лелхаш, тIеоьцурш!

Шина гIалгIазкхичо, буйнаш бина чукхоссавала кийча хьалхакхийдаш, охьа а таьIна, гуотуьйсура.

– Вежарий! И мезаша йуьзна нохчийн тIуьйлиг бахьана долуш, вовшийн диркхаш ата дохку шу? – маслаIатна йукъавуьйлира дика вухавелла лекха гIалгIазкхи. – ДIасакъаста ший а!

– Йохор-м хIунда хьехадора, делла охьаэггалц летар-м ду!

– Муьлш?

– Тхо!

– Писаш!

– ЦIубдарш!

Шина тобане бекъалуш, лата кечбелла гIалгIазкхий совцийра оццу минотехь правленин цIеношкара ара уча ваьллачу станични атамано полковнико Беллика.

– ХIорш хIун гIовгIанаш йу? – буьрса мохь туьйхира цо, цIоцкъамаш дусийна. Шина а буйнахь тапчанаш йолуш, ворданна уллохь лаьтта Iела а гина, тIаккха цуьнгахьа вирзира иза: – XIapa мила ву?

– Хьан сийлалла, иза нохчо ву, цхьана иэшамо вайн станице валийна, – элира, тобанах къаьстина, хьалхаваьллачу беркъачу гIалгIазкхичо. – XIapa цхьа масех станичник, цунна йетта барт бина, тIегIерта. Вайн станицина хьовха, берриг Теркан гIалгIазкхашна иэхь ма ду иза, ваьшка веанчу стагана йеттар. Хьуна ма-хаъара, хьан сийлалла, нохчаша цкъа а ца долуьйту ишттаниг шайгара.

 

– Бакълоь хьо, Пантелей, – тIетайра Беллик. – Йоккха майралла йац цхьаннах масех латар. Цул сов, нохчий, шайца вай бертахь даха дезаш лулахой хилла ца Iаш, ткъа, вай санна, Цуьнан Императорски Воккхаллин Iедална кIел нах бу. ТIом чекхбаьлла, вай цаьрца бертахь даха деза. Мила вара дов долийнарг?

– Мила хир вара и? Фролов ву-кх. Корней нохчочуьнгахьа гIo доккхуш вара.

– Дика дац, Фролов, ахь лелориг. Хьан цIийнехь товш дац иза, –Фроловна пIелг ластийра Беллика. – Машарца вайна тIевеанчу стеган некъ хадийча, ас могуьйтур дац. Ткъа ахь, Корней, хьошалла де хьайн нохчочунна!

– Собар де ахь, гирзаш даьлла жIаьла! XIapa де цкъа ас марах доккхур ду хьуна! – цергаш хьакхийра Фроловс, полковнико букъ берзошшехь. – Ткъа хьуна, Никифорович, и хьан беха мотт схьа а хадийна, вукхахьа ца боллахь, со Фролов вац хьуна!

– Господи, ма хала лелар ву-кх со хьох кхоьруш! – цунах цаваьшна, йуьхь чIачкъийра Пантелейс. – Ворта стомма хиларх, хадор йолуш ду хьуна сан тур! Хьайна корта безахь, хьайн ши куьг, зударийн мотт а сацабелахь.

– Схьайаийта, кунак, хьайн ворда суна тIаьххье, – элира Iелина тIевеанчу Корнейс. – Кху станицин махка тIехь хьайн коьрта тIера чо хьабарна ма кхералахь.

Оцу гIуллакхна бехке ша волуш санна, майданара дIаваьлча, Iелина хьалха бехказвуьйлура Корней:

– Кунак, хьайн АллахIан дуьхьа, оцу масех стага и гIовгIа йинера алий, тхох вуониг дага ма далахь. Тхо дерриш иштта сийдоцуш ду, ма мотталахь. Хьоло дузийна цхьа ткъех цIа ду кхузахь, тхан йаьIни тIе а хевшина, тхо хьийзош. Тхуна, мисканашна, ца оьшу шуьца мостагIалла. Вайн дай, вовшашца цхьа а тайпа мостагIалла доцуш, бертахь, чукаре, доттагIалла а, гергарлонаш а долуш баьхна. Iедало, Iехош, питанаш туьйсуш, мостагIалла доьлли-кх йукъа. Тхо цхьадерш хIинца кхетта. Кхин Iехалур дац. Тхо а ма ду, шу санна, тхешан синош дезаш адамаш.

– Баркалла хьуна, Корней, – элира Iелас доггах. – Со Iожаллех а, сан зуда сийсазаллех а йаьккхи ахь. Ас цкъа а дицдийр дац xIapa де…

Корнейс куьг ластийра.

– ХIара-м кIезиг гIуллакх, дера, дара, – цIеххьана гIайгIане хилира Корней. – Кунак, ахь бехк ца биллахьара… Хьуна хьалха йуьхьIаьржа хIотта герга ву-кх со… Сайн кунакан цIе а ца хаьий суна-м?

– Сан цIе Iела йу. Нохчмахкарчу Гати-Юьртара ву со. Гезлой-гIап лаьттинчуьра дIа лакхо, Яьсси йистехь йу иза. Аьрзу цIе йолуш ваша а ву сан. Нагахь, цхьа гIуллакх хилла, хьо цу агIорхьа вагIахь, тхойшиннан герз а, синош а хьан долахь хир ду.

– Баркалла хьуна, Iела. Лам чохь шуна йуккъехь дуккха а кунакаш бу сан. ХIинца Дала хьо а вели суна. Дика доттагIий цкъа а сов ца бовлу. Ткъа хьо мича гIуллакхо валийна тхан aгIop?

– XIapa зуда дукха хан йоцуш йалийна ас, Корней. Бахам вовшахтоха доьлча, массо хIума оьшуш карий. Цхьацца бахаман гIирсаш кхузахь атта каро там бара-кх аьлла, гIаддайна, схьанехьа ваьллера со. Кхузахь тиша-киша хIума иэца дагахь.

– Вордан тIехь йерш хIун йу шуьшиннан? – тIехьа корта тесира Корнейс.

Цо и хаттар дича, иэхь хетта, цIийвелира Iела. Амма аьшпаш буттийла дацара.

– КIора а, хьаьмцаш а, кхораш а…

Корнейс резавоцуш корта ластийра:

– Доьхна гIуллакх ду вайшинниг, Iела.

– Схьакхаьчча ваьлча, хии суна, со галваьллийла.

Шегара сараг схьаэцна, ворданна хьалха а хиъна стерчий лоьхкуш вогIу Корней, майданна гена мел вели, гIеллуш гора Iелина. Корнейн дуькъачу, сирдала доьллачу Iаьржачу цIоцкъамашна бухарчу Iаьржачу бIаьргаш чохь а, хебарийн шеддаш хIиттинчу лекхачу хьажа тIехь а цхьа йоккха гIайгIа йара. БIаран дечигах йинчу куьйго а, кIуьро а Iаржйинчу луьлли чуьра схьауьйзу кIур сихбинна чу а бетташ, цхьана хIуманан ойла йора цо.

– Iела, хьайн Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, – долийра цо йуха а. – Сайн ницкъ хилча, ас хьуна дийр доцуш дика дацара… Амма со а ву, хьо санна, къен стаг. ДIо разйаьлла тоьла гой хьуна? – пIелг хьажийна, эрзан тхов болу лоха, кир тохаза тиша жима цIа гайтира цо. – Иза бу сан бахам. И тоьла тIанк-аьлла йуьзна бераш доцург, кхин хIума дац со да волуш. Шу оцу тоьли чу дигар…

ХIинца хиира Iелина, шен керла хьаша стенна гIелвелла.

– Ахь хIун дуьйцу, Корней? – бехкбаккха вуьйлира иза. – Моьттур дац, со паччахьан гIаланашкара веана! Хьан деган цIеналла дерриг дуьненан бахамал йеза йу. Ма дийцалахь!

– ХIан-хIа, Iела, ца лаьа суна шу сайн хIусаме дига, – корта ластийра Корнейс. – Ас Андрей волчу дуьгур ду шу. Иза мел дика адам ду, хьайна хаахьара!.. Цуьнга бен далур дац шун гIуллакх. Цига дIагIур ду вай.

Iелина дика хаьара къечу стеган хьал. Хьаша-стаг шена мел везахь а, цунах ида деза цуьнан. ГIиллакхна а шен хIусаме вола ала ца ваьхьа, иза варна кхоьруш. Доцца аьлча, иза мел воккха турпал велахь а, къен стаг воцчу новкъа ву.

Оцу дийнахь бевзира Iелина Андрейн оьзда доьзал. Шаьш xIapa шиъ кхачаре сатуьйсуш Iийча санна, деладелла, декхаделла гуонаха хьаьвзинчу Андрейс а, Наташас а, сихха чу а дигна, йалсаманехь санна, и буьйса а йаккхийтина, кхушинна оьшург а делла, шолгIачу дийнахь цIа хьажийра Iелий, Айзий.

* * *

…Оцу шеран Iаьнан цхьана дийнахь, суьйре цIевзинчу хенахь, Оьрза-ГIали чувоьлла вертанех хьаьрчина ши бере, новкъахь дIаса а ца хьожуш, чаболахь вахана Корнейн мискачу хIусамна гергагIоьртича, говрашкара охьа а воьссина, церан урх лаьцна, кетIахь сецира. Цигахь севцца береш гина, араваьллачу Корнейна ца вевзира бIаьргашна тIетаIийна куйнаш техкина, коьртех башлакхаш хьарчийна, герзах воьттина лаьтта кIайн ши стаг.

– Де дика хуьлда хьан, Корней, – элира лохачо, башлакх йостуш, куй хьала а теттина. – Хьеший тIеоьций ахь?

– Iела! – вахана тIекхетта, шен андийчу куьйгашца маракъевлира цо иза. – Дийна-м баний хьан аьрха корта! Ткъа суна моьттура, хьо йа вукху дуьнена кхелхина, йа тоххарехь ахь со вицвина!

– ХIан-хIа, Корней, суна цхьана минотана а ца вицвеллера хьо. ХIетахь дуьйна хIинцца машар ма хIоьттина тхан Нохчмахкахь.

Iела дIа а хецна, цуьнан накъосте хьаьжира Корней.

– XIapa сан ваша Аьрзу ву. Хьуна а, Андрейна а баркалла ала веана тхойша леррина.

Оцу буса Корнейн а, Андрейн а хIусамашкахь доттагIаллин безамна йисира Аьрзус, цаьршинна совгIатана аьлла, даьргIойн пхьерашка леррина йайтина уггар тоьлла детица кхелина ши шаьлта…

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru