Воккха Эла новкъавала кечвелла Iаш карийра цаьршинна. Карцовс шаьшшиъ схьаваран бахьана дийцича, гIеххьачул чам байра цунна.
– Хьуна ма-хаъара, хьомсара государь Михаил Тариэлович, со некъана кечам бина Iаш ву. Сан дехар ду хьоьга хьайн гIуллакх сихха дийцар.
Шен дахаран дуккха а шераш европейски адамийн гуонна йуккъехь даьхна воллушехь, азиатски гIиллакхаш ца дуьту Лорис-Меликов, аьтту куьг даг тIе а дуьллуш, лохха суждане вахара.
– Хьан Императорски Локхаллин пурбанца, нохчий кхалхоран хьокъехь къайлаха дийцарш дан Константинополе ваханчуьра цIа вирзинчу Кундуховс соьга дийцира, туркойн правительство реза йу нохчийн пхи эзар доьзал кху тIедогIучу шарахь тIеэца а, уьш Азиатски Турцин декъа тIе Саганлук лома тIера Топрак-кала, Мелизгерд, Патносехула дIа Ван Iома тIе кхаччалц болчу махка тIе охьаховшо а барт хилла шайн аьлла. ТIаккха Кундуховс соьга хаьттира, нохчашна Турце кхалхар марздеш, уьш бIаьстенан йуьххьехь, буц тIейолучу хенахь, дIахьовсо кечам хирриг гIуллакх дIадоло мегий ша. Амма Константинополехь хиллачу бартана резавоцчу ас, сайн резацахиларан бахьанаш Хьан Императорски Локкхалле дийццалц, гIуллакх доло пурба ца делира цунна. Хьуна новкъарло хилахь а, пурба лохьа суна, ма-дарра дийца.
ХIинцале а собар кхачо воьллачу Михаила доцца кхоьссира:
– Со ладугIуш ву-кх хьоьга, хьомсара государь.
– Хьан Императорски Локхалле айса хьалха йиначу докладца а, йеллачу запискица а даим ас гойтура, латта кIезиг, адам дукха долчу Нохчийчуьра ах бIе шарахь вайна дуьхьал латтийначу къийсамехь кхиъна, дахчаделла адамийн цхьа дакъа мукъана а цигара дIадаккхар нохчийн гIуллакх къасторехь а, Теркан крайхь машар, синтем хIотторехь а, цаьрга гражданственность тIеэцийтарехь а йоккха гIулч хиларх со тешна хилар. Амма кхелхина нохчий вайн Азиатски Турцин дозанца йолчу областашка дIатарбан туркойн правительствос тIелацаро вайн гIуллакх буххенца хуьйцу. Теркан областера кхалхийна туземцийн пхи эзар доьзал оцу меттигашка охьахааро машаран а, тIеман а заманахь вайна доккха зулам дийр ду…
– Со кхеташ вац, Михаил Тариэлович, вайн дозанал дехьабаьхна Теркан туземцаш вайна зуламе а, кхераме а хир бу бохучух, – цуьнан къамел йукъахдаьккхира Карцовс. – Вайна коьртаниг нохчий шайн махкара дIабахар ду, ткъа Турцехь туркойн правительствос хьоьгунда шена вай цаьрца кхузахь хьегначул бала.
– Иштта хета тарло Кавказ а, Азиатски Турци а, цигарчу бахархойн амалш а, гIиллакхаш а цадевзачунна, – Карцовгахьа а вирзина, бехкалвоьдуш, хьастаме велакъежира Лорис-Меликов. – Амма тIаьххьара тIом болчу хенахь Карски областан начальник хиллачу суна дика йевза и меттигаш, цигара адамаш. Вайн, Турцин дозанаш къастош болчу Арарат ломан къилбаседехьарчу агIонца кхелхаш лела вайн Iедална кIел болу курдой. Оццу ломан къилбехьарчу агIонгахьа – Баязиданий, Мелизгерданий гондIа а, Муша тIе кхаччалц – болу мохк дIалаьцна бехаш бу туркойн курдой. Евфратан тогIин лахенца а, Эрзерумехьа а меттигаш йу эрмалой бехаш. Дукхахболу курдой Iа даккха цига кхелха. Оцу дерриг а къаьмнийн вайга хьогIал сов безам бу: эрмалойн – шайца цхьана динехь а, цхьатера халкъан гIиллакхаш а хиларна, курдойн – вайн агIонгахьа болчу курдошца йиша-вошалла, гергарлонаш а хиларна. Цул сов, дежийлаш лоьхуш, xIop а аьхка шайн жашца вайн дозанал сехьа шайца цхьана тайпанан болчу курдашна тIеэха дезаро а вайца доттагIалла лело доьзуьйту церан.
Лорис-Меликовс дало бахьанаш кIезиг маьIне хетта Карцов, синтем байна кресло чохь дIасахьийза наместник тергалвелла, къамелна йукъавуьйлира:
– Бехк ма биллалахь, Михаил Тариэлович, хьуна дика хаьа вай Теркан областехь ваха охьахаийна бIе эзар гIалгIазакхи хилар. Цул сов, цигахь йиллина лаьтташ йаккхий эскаран гарнизонаш йу. И тIеман ницкъ кIезиг а хетта, дукха хан йоццуш, тхоьга йехна, Кубански областера ши полк йалийна ахь цига. ХIетте а ву хьо хьайн ницкъах ца тешаш? Суна хетарехь, оцу ахь буьйцучу уггар карзахечу нахах пхи эзар доьзал Нохчийчуьра дIабаьккхича, цигахь биллина латтош болу боккха эскаран ницкъ мукъаболу вайн. Цул тоьлуш дац вайна, изза а дина, дозанера кордонаш чIагIйан Нохчийчуьра цхьа полк дозане а йахийтина, йисина полкаш ваьшна оьшшучу дIайигча?
– Александр Петрович, сан чIогIа дехар ду хьоьга со дийца витар, – дехарца штабан начальнике хьаьжира Лорис-Меликов. – ТIаккха эр ахь хьайн дош. Ас йуьйцург, Хьан Императорски Локхалла, цхьана а маьIне йоцу машаре зама йу. Амма тIеман заманахь кхузахь кхин сурт хIутту. Шайн схьабовларца османски къомаца йукъара дерг кIезиг долуш йа данне а дац ала мегачу курдойн даим туркошца мостагIалла ду. Доцца аьлча, вайца нохчий санна бу туркошца и шайн курдой. Иштта туркойн правительствоца мостагIалла ду Карски пашалыкан дозанашца дехачу каракалпак къоман а. ТIаьххьара а, оцу цIераш йаьхначу къаьмнел туркошна кIезиг кхераме белахь а, амма туркойн правительствоца церачул тIех мостагIалла долуш бу лакхахь гайтинчу меттигашкахь беха эрмалой, несторианаш, Ванехьай, Мосулехьай беха айсораш. ТаIийна кхобу и керста халкъаш цабезаме хьуьйсу шайна тIехь Iазап латточу османски къоме. Цундела туркошца вайн цхьа Iотта-баккхам иккхича, и къаьмнаш вайгахьа довлу. Иза ду оцу меттигашкахь лелхачу тIемашкахь вайн кхиамаш хиларан коьртачу бахьанех цхьаъ. Масала, туркошца вайн тIаьххьарчу тIамехь курдойх ах вайн эскарийн магIаршка хIиттира, важа ах нейтральни севцира. Ткъа туркойн эрмалоший, гуьржаший вайн лаьцна гIo шуна дика хаьа.
Карцов хIинцца кхийтира Лорис-Меликов мича гIерта. Леррина ладоьгIура Михаил Николаевича а.
– Нийса бакъду иза, – тIетайра Михаил Николаевич. – Оцу кампанехь инарлин Бебутовн кхиамаш хиларан коьрта бахьана, суна хетарехь, цуьнан тIеман говзалла лакхара хилар доцуш, ткъа вайн аьтто бинарг цигара мохк, бахархой цунна герггара бевзаш хилар, царах пайдаэца хаар дара.
Лорис-Меликовн горга йуьхь йекхайелира:
– Хьан Императорски Локхалло нийсса схьаэли со ала гIepтарг, – корта таIийра цо. – Амма цигахь нохчийн пхи эзар доьзал хиллехь, буххенца кхин сурт хIуттург хиларан цхьа а тайпа шеко йацара. Партизански тIамна, лаьмнашкахь-хьаннашкахь бечу тIамна нохчел говза нах бац тахана дуьненахь. Иттаннаш шерашкахь Нохчийчохь хаддаза лаьттинчу тIамо зийна бакъдерг ду иза. Церан майралла а, аьрхалла а вайна дика йевза. ХIинца ойла йел шайна, Нохчийчуьра уггар карзахе, вайца цкъа а машар хин боцу пхи эзар доьзал туркойн правительствос вайн дозанца областашка баха охьахаийча, хинйолчу тIаьхьалонан.
Михаил Николаевича, резахилла, корта теIабора. Лорис-Меликовс дуьйцу бакъдерг хьалххе ца гина штабан начальник, шена хьалха Iуьллучу цIеначу кехат тIе къоламца цхьацца суьрташ дохкуш, тийна Iара.
– Туркошца вайн тIом болабелча, вайн эскарш ког дIатаса-м дуьтур дацара цара! – и шиъ вист ца хуьлий хиъча, шен къамел йуха а дIадолийра Лорис-Меликовс. – Кегийчу гIеранашка а бекъабелла, хаддаза тIелатарш деш, дерриг а некъаш кхерамна кIел латтор дара цара, цкъа. ТIаккха вайн дезар дара, туркошна дуьхьалбаьккхина цхьаьнатоьхна ницкъ, дакъошка а бекъна, оцу гIepaнашна дуьхьалбаккха. Шеко йац, тIейогIучу хенахь вай дIадолийна муьлхха а гIуллакх цара сецориг хиларан. ШолгIа, нохчаша атта шайна тIаьхьахIиттор бара туркойн агIонгахьара курдой хьовха, вайниш а. Бандитийн барт атта ма хуьлу. Йа уьш, шайна тIаьхьа а хIиттийна, вайна дуьхьал ца бахалахь а, амма, хIинццалц санна, курдойн баьччанаш вайгахьа буьйлучуьра атта совцор бара. Иза, цхьа а тайпа шеко йоцуш, бакъдерг ду. Кхин кIезиг кхерам хир бацара вайна машаран хенахь а. Нохчий цига баха ховшийча, дозанашкахь вешан кордонаш хIинца йолчел шозза-кхузза алсамйаха дезар ду вайн. Амма тIаккха а цигара доза Iалашдар хIинцалерчул вуочу хьолехь а хир ду. Нохчийчуьра пхи эзар туземни доьзал дIабаьккхича, Теркан крайхь вайна хуьлуш болу пайда тIепаза бойъу туркойн правительствос уьш Россин дозанашца йолчу шайн областашка охьаховшоро. И барт биначу инарло Кундуховс, графо Игнатовс шайгара доккха гIалат далийтина, амма иза нисдан вайн хIинца а хан йу.
Михаил Николаевич, хьала а гIеттина, чухула дIасаволавелира. Лорис-Меликов тIеоьцуш цо тоьхна хан тоххара чекхйаьллера. ХIара хIинций-хIинций чукхочу бохуш, собар кхачийна Iаш хир йу Ольга а. Амма графо дуьйцург а ду доккхачу маьIне гIуллакх. ДIатетта йиш йоцуш. Ша Iачуьра хьала а гIеттина, хIоьттина лаьттачу шина инарлина уллохь саца а сецна, Лорис-Меликовна тIевирзира иза.
– Ахь далийна дерриг бахьанаш, масалш нийса ду, хьомсара Михаил Тариэлович, – элира цо, лоха стоммачу Лорис-Меликовга лакхара охьа а хьоьжуш. – Ткъа хьан хIун планаш йу?
– Хьан Императорски Локхаллин пурбанца цунах лаьцна сайна хетарг эр ду ас, – корта таIийра Лорис-Меликовс. – Туркойн правительствос гайтинчу меттигашка нохчий кхалхийча, вайна хуьлу зулам гучу ас, хьоьгара цхьа гайтам хиллалц, и гIуллакх дIа ца доладойтуш, сацийна инарла Кундухов. Суна хетарехь, нохчий кхалхоран кхо некъ хIутту. Хьалхара, туркойн правительствос инарлина Кундуховна гайтинчу меттигашка нохчий кхалхо резахилар. ШолгIa, оцу меттигна реза ца хуьлуш, йуха а тоьхна, уьш Эрзинджанна а, Эрзерумна а, Диарбекирна а малхбузехьа, вайна кхераме хин боцчу дIатарбар тIелоцуьйтуш, туркойн правительствоца керла дийцарш долор. ТIаьххьара некъ, нагахь кху карахь йолчу хенахь туркойн правительство вайга оцу барта тIе ца йаккхалахь, нохчий кхалхоран гIуллакх цхьана аьттоне дIататтар.
Воккха Эла, шен нийсачу букъа тIехьа ши куьг тIекIел а диллина, куьзга санна, къега, настаршна тIехь йича санна, кепехь хроман эткаш цIийзош, вист ца хуьлуш, вехха чухула волавелла лийлира.
– Ахь хIун олу, Александр Петрович? – хаьттира цо, Карцовна уллохула волуш, саца а ца соцуш.
– Михаил Тариэлович бакълоь, – къера хилира Карцов.
– ХIета, хьомсара Михаил Тариэлович, сан дехар ду хьоьга, и айхьа дийцинарг дерриг дIайаздеш, сан цIарах записка хIоттор.
– Хьан Императорски Локхалла, иштта записка ас кийчча сайца схьайеана.
– Иза кхин а дика ду. ХIинца цIера ваьлча, со хьелур ву, Александр Петрович. Цундела сан дехар ду хьоьга, кхалхош болу нохчийн пхи эзар доьзал Азиатски Турцин вайн дозанца йолчу областашка дIатарбича, вайна хиндолу зулам а гойтуш, уьш Диарбекирна а, Эрзерумна а малхбузехьа дIатарбайта берриг ницкъ тIе а бахийтий, туркойн правительствоца керла бартбар тIедуьллуш, графе Игнатьевга кехат йаздар. Сихонца. Йуха а боху ас, вай цIераш йаьхначу кхаа гIалина малхбалехьа йолчу областашкахь цхьа а нохчо вита йиш йац. Кхин хеттарш дуй, Михаил Тариэлович?
– Доцца, цхьа масех. Инарле Кундуховга хIун ала ас, Хьан Императорски Локхалла?
– ГIуллакх дIадоло пурба ду шуна. Кхалхийнарш ахь бохучу меттиге Турцехь дIатарбарна тIекхочур вай. Мел гена далахь а, декабрехь Игнатьевгара жоп догIур ду суна. Со тешна ву иза вайна товчу aгIop доьрзург хиларх. Туркошна чIогIа оьшу кхузара шайн динан вежарий.
– Ткъа инарлера Кундуховгара мохк, цIенош эцарний, иза Турце дIавахийтарний хIун ала ас?
Михаил Николаевича сихха жоп делира:
– Иза жимма чолхе гIуллакх ду. ХIара мохк дика бевзаш, кхузахь дукхий, даккхий гергарлонаш долуш, лаьмнашкахь лоруш, тIехула тIе, вайн тIеман система дика йевзаш, лаккхара тIеман говзалла йолу хьуьнаре инарла вай гуттаренна а Турце дIахецча, тIаьхьа вайна ваьшна бале верий-те? Турцица вайн тIом болабелча, мостагIийн лагерехь вайна уггар кхераме стаг хир ву иза. Цкъа а тIом ца хилча а, ша цигахь воллушехь Теркан крайхь синтем, машар хила буьтур бацара цо. Цундела суна бакъахьа хета, нохчий кхалхоран гIуллакх, ницкъ кхочуш, Кундухов кхузахь а сацош, чекхдаккхар.
– Хьан Императорски Локхалла, Кундухов кхузахь сацийча, нохчий кхалхоран гIуллакх галдолу вайн, – Михаилна улло а нислуш, цуьнца волавелира Лорис-Меликов. – Ас дехарш дина цуьнга, хьехар дала а гIиртира, кхузахь висахьара хьо бохуш. И дерриг эрна хили сан. Ша нохчашца кхалха везаран хьокъехь цо далийна бахьанаш, суна хетарехь, бух болуш ду. Иза, бакъ а долуш, тешна ву, Турце дIабоьлхучаьрца ша-шен доьзал дIа ца хьажабахь, массарех а тешамза бевллачу нохчаша а, царна коьртехь болчу церан тхьамданаша а, шайна мел лаахь а, цхьа ког Турце дIатосург цахиларх. Цул сов, суна Iаламат дика хаьа, нагахь Кундухов Турце кхалхахь, шаьш а кхелхар ду аьлла, Сайдуллас а, Iелахас а Къуръан тIехь дуйнаш биъна хилар.
– Дика ду, Михаил Тариэлович, нагахь гIуллакх ахь ма-дуьйццу делахь, цо шеца пхи-йалх эзар нохчийн доьзал махках а баккхахь, дIавахийта ахь иза. ХIинца ахчанах дерг. Нах Турце кхалхарна тIетоьттуш эладита лело царалахь цхьа цIейаххана масех стаг иэца, цкъачунна харжана хьуна итт эзар сом дIахеца айса бакъо йелла, моьтту суна?
– ХIаъ, Хьан Императорски Локхаллин пурбанца, оцу нахана харжана дайъа инарле Кундуховга и итт эзар сом дIаделла ас.
– Цуьнан махках, цIенойх дерг аьлча, Кундуховн доьзал Турце баха Владикавказера меттахбаьлча, пхи эзар сом луо цунна. Ткъа Сайдуллина, цуьнан доьзалшца лаххара а цхьаъ-ах эзар доьзал, шайн махкара дIа а баьлла, Турце новкъа балахь, важа дисина шовзткъа эзар а луо.
– Шена лучу ахчанах шовзткъе шиъ эзар сом дешица далар а доьху цо.
– Мегар ду иза а.
– Цул сов, Хьан Императорски Локхалла, уьш дIакхелхича, масех стаг, ахча а делла, тIаьхьагIоьртур болу нах Турце кхалхо а, нохчашлахь ша иэцначу агенташна дала а итт эзар сом детин ахча доьху соьга Йуккъерчу отделан начальнико эло Тумановс. Кху некъехь ахча кхооро вайна пайда бийр боцийла хууш, царна цIеххьана иэшахь а аьлла, Теркан Дошлойн-Иррегулярни полкан капиталан чоьтах Тумановна ши эзар сом, Нохчийн округан начальникна полковникна Муравьевна пхи бIе сом ахча делла ас.
Михаил Тариэловича, стоьла тIехь Iуьллу шен фуражка схьа а эцна, коьрта тиллира.
– И дерриг а хьан бакъонехь гIуллакх ду, Михаил Тариэлович. Вай долийначу гIуллакхна ахча ма кхоаде-кх. Нохчийн цхьа эзар доьзал цигара дIабалар а ду итт эзар соьман меха. Кхин а ду цхьаъ, Михаил Тариэлович. ДIадаханчу Iай Россин кIорге ссылке бахийтина Кунта а, цуьнан герггара мурдаш а, цигара схьа а баьхна, Одессехула Трапезунде бига безаран хьокъехь ахь далийна дош къобалдо ас, нагахь Теркан областехь бисина цуьнан вирдехь болу берриг нах царна тIаьххье Турце дIагIахь.
– Цуьнан шеко йац, хьан императорски локхалла. Кху деношкахь Кундуховс хаам бина соьга, Кунтин ваша Мовсар Турце кхалха реза ву, ткъа берриг зуькархой цунна тIаьхьахIитта кечлуш бу аьлла.
– Дика ду, Михаил Тариэлович. Со теша хьан а, Александр Петровичан а, Кундуховн а хьекъалечу кортоша вовшахтоьхна xIapa жоьпаллин гIуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. ТIаккха шуьшиннан хьокъехь сайн веше, Цуьнан Императорски Воккхалле, дош ала тIе а лоцу ас. Ткъа хьоьга дехар ду сан, Александр Петрович, вайн хиллачу бартан хьокъехь йаздина леррина кехаташ Михаил Тариэловиче дIадалар. Шуна ма-хаъара, со новкъа вала кечвеллера. Кхин хеттарш дацахь, шун пурбанца со новкъа волу. Хьо дIавахале йуха гур ду вайна, хьомсара Михаил Тариэлович.
– Дала мукъалахь! Дехар ду хьоьга, вайн йеза, лоруш йолчу Ольга Федоровне соьгара маршалла далар.
– Баркалла хьуна, Михаил Тариэлович!
– Ахь Коджорехь хьайн доьзалца дика садоIийла а, хан самукъане йоккхуьйла а лаьа суна. Хьан Императорски Локхалло пурба лахь, шу новкъа даха а лаьара суна…
– Баркалла, Михаил Тариэлович, хьан догдикаллин доза дац…
Паччахьийн хьашташкий, лаамашкий хьаьжжина, халкъаш духкура, оьцура, къестадора, цхьаьнадеттара.
Ф. Энгельс
Оттоманан Портин арахьарчу гIуллакхийн министр Iела-Паша карзахе дIасахьийзара шен резиденцин уггар дика кечдинчу цIа чохь. Цо уоза дагахь йаийтина калйан хьайаза лаьттара. Цхьа сахьт хьалха-м иза уоза ойла йара цуьнан. Амма хийцайелира. Дукха ца Iаш цо тIеэца везара Стамбулехь волу оьрсийн чрезвычайни полномочин векал инарла-адъютант граф Игнатьев. Ткъа мекарчу графца къамел дан сирла корта, могаш хьекъал а дезара.
Иза воккхавийна ца волура йаханчу бIаьста инарлица Кундуховца шен хиллачу бартах. Кхиамца чекхбаьлла и барт бара Iела-Паша султанна хьалха айъинарг. Султанан Iабдул-Хьамидан заманахь дуьйна схьа туркойн султанато сатийсинарг, амма цхьаьнгге а кхочушцададелларг Iела-Пашин чекхдолуш лаьтта. Доцца аьлча, дукха хан йара туркоша Кавказехь йуха а шаьш чIагIбаларе сатуьйсу. Малхбузе Кавказехь а кхиамаш хилира церан цхьана ханна. Бусалба дин чIогIа долчу элийн Iедална кIел йолчу Дагестанца а гIуллакх догIура туркойн султанан. Амма Къилбаседа Кавказерчу ламанхойх барамехь массарел дукха нохчий цаьргахьа ца бовлура. ГIо-м дезара царна. Герз а, кхиболу тIеман гIирс а боьхура цара. ГIоьнна дуьхьал мах бала ца лаьара. Нохчийн ахча доцийла хаьара туркошна. Церан хилча а, туркойн правительствона и ца дезара. Султанна мохк безара. Кавказан дегехь йоллу Нохчийчоь, цигахь деха майра къам оьшура цунна.
Амма нохчашна лаац цхьаннен а Iедал тIелаца. Цхьаъ шайн коча хуу гIo ца оьшу шайна, олу цара. Шайна хIун башхо йу йоккха «хьакха» а, жима «хьакха» а – оьрсийн паччахь а, туркойн паччахь а, боху. Царна, цхьаннах а цабозуш, маьрша баха лаьа. Бертахь, дуьхьало йоцуш цхьа буй латта цхьанне а лур дац шаьш йа, цхьаннен а йалхой хилла, чу а хIуьттур дац шаьш, боху. Туркойн эмиссарашка ког ца буьллуьйту шайн махка тIе. Цундела туркоша царна гIo ца до. Вуьшта, багахь моз-м дутту. Кху дуьненахь мел дерг шаьш царна дIалур ду моттуьйту. Шайх Мансурна а, Бийболатна а моттийтира. Амма хIинццалц схьа, кху дезткъа шарахь цара цIий Iенош, царна гIоьнна цхьа хьостам а белла бац. Йа хIинцачул тIаьхьа бала ойла а йац. Хабар-м дуьйцур ду. Цунах ма олу политика, дипломати.
Ткъа хIинца уьш шаьш тIегIерта. Курачу нохчаша шаьш xIycaме дитар доьху туркошка. Иштта пусар доцуш кхуза кхелхина малхбузера ламанхой а.
Кавказера бусалба ламанхой чIогIа оьшу туркойн Iедална. Кху тIаьххьарчу заманахь карзахбевлла Балканера керстанаш. Оттоманан имперех дIакъаьстина Греци, Серби, Дунайн олаллаш. Туркойн неIалт хиллачу мостагIчун Россин болх бу иза. Болгарех а изза дан гIерта Александр II-ниг. Ткъа Кавказехь? ДIахудуш, къамкъаргехула ах чоьхьайаьккхинчу хенахь, озийна багара дIа а йаьккхина, бити. Массанхьа а, массо хенахь а Портана новкъагIерта Росси. ХIинца туркойн махка тIехь беха гуьржий а, эрмалой а шайх дIатоха а гIерта. Питанаш туьйсу царний, туркошний йуккъе. Амма царна дан хIума а ду Iела-Пашин. Хьалха схьакхелхина ламанхой Болгаре хьовсийра цара. Бакъду, кIезиг бара уьш. Оьрсаша туьрций, цIарций церан даймахкара дIалаьхкина, цхьа а тайпа низам доцуш, бевдда кхуза баьхкина ах миллион ламанхой, берриш бохург санна, хIаллакьхуьлуш бу.
ДIасалелла кIадвелла Iела-Паша, диван тIе а вахана, бархатан кIеда назбар кIел а оьзна, дIа а тевжаш, охьахиира. Цуьнан бIаьргашна хьалха хIуьттура ша Ач-кале а, Сары-кале а ваханчу хенахь Кавказан эмигрантийн цигарчу лагершкахь шена гина сурт. Декъий. Дийна адамаш-декъий… Цхьа шатайпа боьха хьожа. И хьожа хIинца а шен мерах кхетча санна, муцIар чIачкъийра цо…
…Малхбузера ламанхой Турце кхалхор европейски пачхьалкхийн йукъарчу политикин коьртачу гIуллакхех цхьаъ хилла дIахIоьттинера. Амма царах цхьаннен а бала бацара ламанхойн кхолламца. Россина дуьхьал шайн политикин, дипломатин, тIеман къийсамашкахь Турцис а, Европас а къинхетамза, говза пайдаоьцура ламанхойн шайн къоман маршонехьа боламех.
Ламанхойн къийсам иэшамца чекхбаьлча, уьш Турце кхалха боьлча, цара дIатесначу даймахкахь оьрсийн правительство колонизаци йан йоьлча, кхин политика йолийра. Цига оьрсийн колонисташ баха ховшийча, Росси тIаьххьара а, гуттаренна а чIагIлора Кавказехь. ТIаккха Кавказах тIаьххьара а, гуттаренна а догдилла дезара Турцин а, европейски пачхьалкхийн а.
Цундела хIинца ламанхой Турце кхалхар сацо гIертара уьш. Турце схьакхаьчначаьрга, шайн даймахка йухадерза, ткъа даймахкахь бисинчаьрга, хIуъу хилча а, цигара дIа ма довла, Россина дуьхьал шайн къийсам а ма сацабе, оцу тIехь шайн правительствоша шуна массо a aгIop гIo дийр ду бохуш, Турцехь а, Малхбузе Кавказехь а эладитанаш даржош, ламанхошна йукъахула буьйлабелла лелара английски, французски, итальянски, кхечу правительствийн а агенташ.
Схьакхелхаш болу ламанхой совцо бахьаненна, Турцерчу французски посольствон лор Бароцци коьртехь а волуш санитарни инспекци вовшахтуьйхира цара. Кхелхинарш дукха гулбеллачу Самсунерчуй, Трапезундерчуй, Варнерчуй лагершка а хьаьжна, ламанхой Турце кхалхор сацо дезар, Iаьржачу хIордан шина а бердашна йуккъе карантин хIотто йезар дIахьедира цо туркойн правительстве.
– ГIаланийн кевнашкахь, туьканашна хьалха, урамашна йуккъехь, скверашкахь, бошмашкахь – массанхьа а Iохкуш цомгаш нах, декъий дара, – йаздора Бароццис. – Эмигранташа дIалаьцна массо цIа, ураман маьIиг, цара ког биллина латта уьнан хьостанашка дирзинера.
Европейски дипломатийн аьтто хилира хIорда тIехь пхийтта денна карантин хIотто. Амма и карантин цIенна моттаргIа йара. Кавказера схьабогIу ламанхой совцийнера, ткъа кхидолу адамаш дIасалелар маьрша дитинера. Йийцина ца валлал балхаме тIаьхьало йитира карантино. Мецачу, берзинчу, цомгашчу ламанхойх доьттина Турцин бердашка схьа мел догIу кема, кхузахь тIе ца оьцуш, йуханехьа хьажадора. Ткъа дехьа, Кавказан бердашкахь, итт эзарнаш адамаш лаьттара кеманийн рогIе хIиттина. Кхузахь а, цигахь а тифан, морзгалийн, чуьйнан а уьно къиза хьоькхура и гIорасиз адамаш…
Йуьххьехь дуьйна доладелира адамех йохк-иэцар йар. Цхьайтта-шийтта шо долчу беран мах кхоъ-диъ туьма бара. Йалх-бархI туьманах уггар хаза мехкарий оьцура меттигерчу феодалаша. Цхьана стага шовзткъа, шовзткъе итт йоI оьцуш меттигаш а нислора. Трапезундан инарла-губернаторо Эмин Мухлис-пашас ша эцна бIе ткъе итт йоI совгIатна йийкъира Константинополерчу лакхарчу хьаькамашна.
1864-чу шарахь кхелхинчу ламанхойн цхьана лагерехь хиллачу английски консулан йоIа йаздора:
– Турце кхелхина ламанхой-чергазий массанхьа а, массо хенахь а гина суна. Вовшех ца къаста гIерташ, цхьана гулахь хуьлучу царна йуккъехь гора беллачарна уллохь Iохкуш цомгашниш а, йуург лоьхуш оцу йуккъехула кхерста гIалартех тера могашниш а. Тхо лагерна гергакхаьчча, куьйгаш лаьцна бераш далош, тхуна дуьхьалбаьхкира зударий а, божарий а, шайн бераш иэцар доьхуш. Суна хетарехь, оцу мецачу, дерзинчу берашна, шайна кхача а, кIелхIитта тхов а хилчахьана, шайна а лаьара дайх-нанойх дIакъаста. И чергазий кхузахь шина декъе бекъабеллера: тхьамданаш а, лайш а. Тхьамданашна лаьара, и адамаш дIогахь, шайн даймахкахь санна, цхьа а дуьхьало йоцуш, кхузахь а шайна муьтIахь хуьлийла. Амма шайн дахарехь хилла хийцамаш хууш болу и шолгIаниш резабацара тхьамданийн бIаьрзе лайш хилла совца, цара шайн адамаллин бакъонашкахьа къуьйсура.
Кхечу дипломато Канитца дуьйцура, Турце кхаьчначу ламанхойн феодалашний, церан лайшний йуккъехь хаддаза тасадаларш хуьлура, цкъацкъа уьш тIаме а доьрзура бохуш.
Кавказан ламанхой Турце чуэца резахуьлуш, ши Iалашо йара султанан правительствон: Россина дуьхьал шайн къийсамехь царах пайдаэцар а, Оттоманан импери чохь дехачу халкъийн шайн къоман маршонехьа боламаш хьошуш ламанхойх пайдаэцар а. Кхелха ламанхой хIокху Турцехь цхьана гулахь дIатарбан ойла а йацара правительствон. Иза туркойн Iедална а, йукъараллин синтемна а кхераме хетара. Цундела Босне, Герцеговине, Сире, Иордане, Ливане, Месопотаме, Египте дIасабаржийра кхелхарш. Оцу мехкашкахь, къаьсттина Балканерчу провинцешкахь, ламанхойх эскарийн дакъош а кхуллуш, тIеман колонеш йехкира, Россехь гIалгIазкхийн станицех тера. Оцу колонеша, славянаш дакъошка боькъуш, царна йуккъе бусалбанех дийна пенаш хIиттадора Балканашкахь.
Ламанхошка хIоьттинчу халачу хьолах пайда а оьцуш, кхалхоран йуьххьехь дуьйна шен Iалашо кхочушйан йуьйлира султанан правительство. Схьакхалхар дуьйцучу хенахь правительствос дош деллера xIapa ламанхой ткъа шарна тIеман декхарех мукъабаха. Амма хIорш Турцин махка тIе ма-бевллинехь, царах вовшахтоха йолийра «чергазийн дошлойн полк» а, султанна «чергазийн гварди» а. Мацаллин Iожаллех кIелхьарбовла гIерташ, цхьана йоццачу хенахь кхо эзар ламанхо хIоьттира туркойн эскаре. Эскарехь гIуллакхдан луурш хилийта, божарий бохкар-иэцар а дихкира. Эскаре дIа ца оьцура зуда а, бераш а долу стаг. Доьзалх бозабелла боцуш, маьрша бIаьхой, йа, вуьшта аьлча, чаьлтачаш оьшура Iедална. Ткъа шайга хIоьттинчу инзаре халачу хьолах кIелхьарбовла кхин некъ боцуш бIарзбелла ламанхой, шайн зударий, бераш а духкуш, шаьш салт бовлура.
Адамийн исторехь цкъа а йуьйцу ца хезначу тайпанара Кавказан ламанхойн и йоккха трагеди чекхйелира кхелхинчех ах тайп-тайпанчу цамгарех а, мацалла а, шелонна а хIаллакьхуьлуш. Дийна бисинчех пхийтта процент зударий, бераш а лоллина доьхкира. Важа дакъа Жимачу Азехь, Балканашкахь, Месопотамехь, Къилбаседа Африкехь а, борц санна, даржийра.
Оцу Iай малхбузерчу ламанхошка хIоьттина ирча хьал гиначу Императоран Академин академико А. П. Бержес йаздира:
«Цкъа а меттадогIур дац Новороссийск бухтехь гулвеллачу вуьрхIитта эзар ламанхочуьнга хIоьттинчу ирчачу хьоло Iовжийна сан дог. Шеран уггар шийлачу, ткъевнечу хенахь мацалла ца бала рицкъа доцуш Iохкучу царна йукъа йаьржинчу тифан а, морзгалийн а цамгарша халачу хьелашка хIиттийнера уьш. Хьенан дог Iаьвжар дацара, йерзинчу стигала кIел, тIуьначу лаьттахь, тIелхигйаьлла, йелла Iуьллу къона черкешенка а, цунна уллохь даладоллучу сица къуьйсуш Iуьллу – цхьаъий, шен мацаллин рицкъа лоьхуш, ненан шелбелла накха цIуббеш долу важий – ши бер гича? Иштта суьрташ дуккха а гора…»
Шен дешнаш дукха шога хетий, уьш мелла а кIаддархьама, масех могIа тIетуху оцу лерамечу академико:
«XIX бIешарахь таж лелийначех уггаре адамалла долуш волу император Александр II-ниг Iаламат гена вара, 1609-чу шеран 22 сентябрехь шен паччахьаллин омрица, Испанера мавраш къиза хIаллакьхилийта, Африкин йаьссачу гIамаршка аракхийсарца гIараваьллачу Филиппан III-чун политикина.
Шен паччахьаллин лаам кхочушбеш, цо граф Евдокимов хаьржира, ткъа иза пачхьалкхана дечу гIуллакхашка шен хьежаршца Iаламат лакхахь вара герцогал Лермел а, муьлххачу Дон-Жуан-де Рибайрал а…»
Турце кхаьчна, дуьйцу ца хезначу халачу хьелашка, шайна хийрачу Iедална а, политикина а кIел нисбелла ламанхой йуханехьа даймахка гIоьртира. Амма паччахьан правительствос йуханехьа цIа бахкийта ца баьхнера уьш шайн даймахках, ткъа султанан правительствос йуханехьа даймахка дIахеца а ца битинера уьш Турце.
Кхелхинчу ламанхошна а, церан тIаьхьенашна а гуттаренна а байра шайн даймохк.
Тахана хIокху исбаьхьчу дворецан тхов кIел изза кхоллам нохчашна а кечбан ойла йара шина пачхьалкхан правительствийн.
Амма цхьа ламанхой хилла ца Iара паччахьан Iедалан а, помещикийн а къизаллех, харцонех кIелхьарбовла гIерташ, Россера дIауьдурш. Даймохк буьтуш, дIаоьхура оьрсий, украинцаш, белорусаш… Дуьненан йеа а маьIIе. Ирс лаха. Сискал а, цхьанххьа йоцу маршо а, нийсо а лаха…