bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

3

Даим а санна, неI ца тухуш чувелира цуьнан денщик, салти Ефрем Чеботарев. Капитанах бIаьрг ма-кхийтти, хиира салтичунна иза цхьана хIуманна тIехь вас хилла воллийла. Цундела, цуьнан тидам шена тIеберззалц, вистхилла новкъарло йан кхоьруш, неIарехь вулавелла сецира иза.

– Ахь хIун до, Ефрем Анисимич, Iад санна, вулавелла лаьтташ? – эххар а схьавирзира капитан.

ХIун дара а хаац, оццул майра салти, и капитан шега вистхилча, йоI санна, цIийлой, багах дош ца долуш вуьсура цхьа хан йаллалц.

– Хьан оьздалла…

– Ас масазза аьлла хьоьга, Ефрем Анисимич, и официальность сайца ма лелайе, – воьхна хьийзачу салтичух бехкбаьккхира Зеленыйс. – Вуьшта а кхузахь са логе кхаьчна со хьийза, ткъа хьо хьайн «хьан оьздаллица» йукъагIерта. ХIан, хIун ду хилларг?

– Александр Семенович, виъ нохчо…

– Йуха а – нохчий! – ши куьг дIаса а тосуш, белшаш хьалатуьйхира капитано. – Анисимич, маца гур йу-те суна хьан догдикаллин чаккхе? Хаьий хьуна, кху беттаниг хьовха, тIебогIучу шина-кхаа беттан алапа а, вуьшта сан IаьIнарг а вайша диъна ваьлла, аьлча а, ахь оцу мискачу нохчашна дIадекънийла? Ткъа вайша, дахка санна, казенни ахчанах леташ ву. Цхьа масех денна олий, кхачанан сурсаташ оьцу ахь, ткъа шолгIачу дийнахь оцунна йуха а ахча доьху. Мича дахана? Нохчийн берашна, гIаддайначарна дIадекъна. XIapa суна тIехь йерш йоцурш, йерриш сан бедарш а, мачаш а дIайекъна ахь.

– Бехке ву со, Александр Семенич…

– Бехке ву, бехке ву! – куьг ластийна, меллаша ког боккхуш чухула дIасаволавелира Зеленый. – Хьоьга бехказвийла ца боху ас, Анисимич. Хаьа суна, къинхетаме а, догдика а хиларал сов, оцу нохчашка чIогIа безам болуш хьо хилар, амма луъ-луург дан ма ца тарло.

Капитан цхьана йукъана луьйчуьра сецча, вистхилира салти:

– Александр Семенич, ас хIун дан деза? И нохчий, шаьш басурманаш, вайн мостагIий белахь а, майра, тешаме, оьзда нах ма бу. ДоттагI – доттагI ву церан, мостагI – мостагI ву. Цул сов аьлча, бакъдерг цаьргахьа ма ду. Стенна гIертара вай церан махка? Вешан, оьрсийн, латта кIезиг дара вайна? Уьш вайн линешна тIелетара, олу вай. Ткъа хьенан лаьтта тIехь йара и линеш? Нохчийн лаьтта тIехь йара-кх. Уьш шайн даймохк, маршо ларйан гIертара, ткъа вай, цаьргара уьш ший дIа а йаьккхина, церан коча Iазапан дукъ долла гIертара. Вай церан йарташ, йалташ, бераш, зударий хIаллакбора, цара дуьхьало йора. ХIан, ницкъ иэшна, гIелбелла кIелбиссалц, вайх лийти уьш, вай туьйли оцу цхьа кана турпалхойл. ХIан, мохк а схьабаьккхи вай. Сатуьйхи цара. Маршо а схьайаьккхи цаьргара. Сатуьйхи цара. Хьуна новкъа ма хета, Александр Семенич, тхо, ахархой, адамийн хьесапехь ма дацара Россехь. Духкура, оьцура жIаьлех, говрех хуьйцура. Йеттара, Сибрех хьийсадора. И иэхье крепостни лолла шайн коча тетта доьлча, шайн гIиллакхашца, амалшца, динца ца догIу вайн Iедал, гIуллакхаш шайна тIетеIо доьлча, кхин хIун дийр ду а ца хиъна, махкахбевлла уьш. Бевлла аьлча а, вай нуьцкъала баьхна-кх. Цигахь бIарзбелла, шаьш хIун дийр ду а ца хиъна, схьабаьхкина-кх. Кхузахь хуьлуш дерг гуш ду-кх хьуна. Мацаллой, махкаллой, цамгарший хьоькхуш, кхачош бу. Муха ца лозу царах дог? Бераш, зударий… Александр Семенич, хьуна ма хаьа вайн Iедалан бехкенна уьш хIаллакьхуьлийла. Мел вайна ца лаахь а, правительствос дина дика а, вуон а оьрсийн халкъана тIе ма догIу. Оцу нохчашка Iазап хIоттийначийн декъехь церан гIоьнча ма ву вайша. Ваьшшиннан бертаза, Александр Семенич…

Зеленыйс леррина ладоьгIура шен денщико бехкевеш дечу къамеле. Шен нийсачу букъа тIехьа ши куьг диллина, кегийра гIулчаш йохуш, меллаша чухула дIаса а лелаш. Стоьла уллохула дIа салтичунна тIе а – йалх гIулч, йуханехьа а – йалх гIулч. Ткъа Чеботаревс, ша йукъахваккхарна кхоьруш санна, са ца доIуш, Iаннийна дIадахийтира шен дагахь дерг. Ша дуьйцуш лаьтташехь цо леррина тергалйора штабс-капитанан горга йуьхь. Цхьа халла хаалуш таьIана мара, сийна бIаьргаш, хьаьрса корта, доцца хьовзийна мекхаш. ХIетта ткъе итт шо кхочуш, Iаламат безамехь эпсар вара иза. Биъ бутт гергга хан йара Чеботарев цуьнца волу, оцу йоццачу хенахь цунна чIогIа везавеллера Зеленый. Дуьххьара бIаьрг ма-кхийтти хиира цунна шен керла эпсар догцIена, къинхетаме стаг хилар. Хенан йохалла цуьнан леларехь, къамелехь, цо наггахь кхуссучу дешнашца хиира паччахьан правительствос лелочу политикина иза резавацар, мелла велахь, иза «шайн» стаг хилар. И тешам бара Ефрем Анисимовиче иштта эвхьаза и къамел дойтург.

Салтичун йуьхь-дуьхьал ца хьожуш, ши бIаьрг цIенкъа а боьгIна, дIасалелара Зеленый. Цуьнан багах долу xIop a дош, шед санна, букъах, бетах детталора цунна, шаьлта санна, дагах чекхдуьйлура. ХIаъ, бакълоь и къена салти. Лаахь а, ца лаахь а, и шиъ декъашхо ву оьрсийн правительствон чоьхьарчу а, арахьарчу а къизачу политикин. Венгре интервенци йарна, польски гIаттам хьашарна, Къилбаседа Кавказера дуккха а аборигенаш тIаьххьарчу стаган тIе хIотталц схьакхалхорна. ХIетте а, ша якобинцийн, декабристийн идейни тIаьхьенах а лоьру.

«Иза-м аьттехьа а дацара, господин штабс-капитан, – бохура цо ша-шега. – ДуьххьалдIа ницкъ болчийн, адамаш, халкъаш духкучийн, шайна хеттачу aгIоp церан кхоллам хуьйцучийн карарчу зарзакъех цхьаъ йу-кх хьо. Нагахь ахь цхьажимма а дуьхьало йахь, цара, тIе мIара а таIийна, ткъарш-аьлла йор йолуш. Цул даре де, хьайн дагахь дерг кхочушдан гIорта хьовха, атталла бакъдерг бакъ ду а, харцдерг харц ду а ала ца ваьхьаш, хьуо кIилло хиларан. Стенах кхоьру хьо? ХIаъай ткъа, карьера йукъахйаларна. Ойла цхьаъ йу хьан, гIуллакхаш – кхин. Ши йуьхь йолу Янус!»

Волавелла лела капитан, салтичунна хьалха а сецна, цуьнан белша тIе куьг а диллина, йуьхь-дуьхьал хьаьжира. Сецна лаьттачу йуьхьа тIера дуькъачу, хьаьрсачу цIоцкъамашна бухара цуьнга хьуьйсура хьанала жухара бIаьргаш. Дуьненахь дуккха а вуонаш лайначу салтичун йуьхь хебарша ирх, пурх аьхнера, сирйеллера йуькъа бакеш а.

– Ефрем Анисимович, мел хан йу ахь тIамехь гIуллакхден?

– Ткъе ворхIалгIа шо, – цецвелира Чеботарев.

– ТIом маса шарахь бина ахь?

– Ткъе кхаа шарахь.

– Оцу ткъе кхаа шарахь Нохчийчохь вара-кх хьо?

– Вара ткъа. Ас хьуна дийца ма дийцина тхаьш цигахь цIийIенор.

– Иза-м дийцина-кхи ахь. Амма кхин ца дийцина, – йуха а Чеботаревн цIеначу бIаьргаш чу хьаьжира капитан. – Алахьа, Анисимич, Внезапни-гIопахь хьо виэн суд хилаза хIунда висира?

Цхьана минотана воьхна салти йуха, хIумма а ца хилча санна, меттавеара.

– Хьан оьздалла, иза къайле ма йац. Дерриг чекхдаьлла. Тхешан батальонерчу кхаа салтичунна нохчийн агIонгахьа вада ас гIoдар жимма бакъалгахьа дерзаделира…

– Ой, хIунда?

Чеботарев цкъа вуьйхира, йуха, ша хирг хир аьлча санна, куьг а ластийна, сацамболлуш вистхилира:

– Хаьий хьуна, Александр Семенич, оцу ламанхошца болу тIом салташна кIордийна хьех чекхбаьллерий? ТIом, тIом, тIом. Оьрсийн салтийн кхаа тIаьхьено. Оцу нохчаша-м шайн даймохк, маршой ларйора, ткъа оха? Тхуна стенна оьшура тхаьш санначу оцу мисканийн цIий Iенор? Оха кхузахь мел даккхий хьуьнарш гайтарх, ца вуьйш ткъе пхиъ шо а даьлла, Россе вирзича, йуха а помещикан дукъа кIел ворта йолла ма йеза. Тхан цIий Iенош схьалецна латтанаш хьолахошна совгIатана лора. ЦIахь а, кхузахь а тхан цIий Iуьйду, ткъа тхо дацочийн хьал IаьIа. Доцца аьлча, Александр Семенич, цIа а бирзина, йуха а Iазапе оьгучул, нохчашкахьа бовла лаьара дукханна а. Мухха делахь а, цара латториг бакъонца къийсам бара. Цигахь маршо йара. Ткъа даймахкахь – каторга.

– Хьо хIунда ца вахара цаьрца? – лем оьцура Зеленыйс.

Чеботаревс белш саттийра.

– Гой хьуна, Александр Семенич, массеран а амалш цхьатера ма йац. Лам чу веддачо дин хийца дезара, шен даймахках гуттаренна догдилла дезара. Суна ма ца лаьара иза. Iедал мел къиза делахь а, Росси сан даймохк ма бу. Керста дин – сан дин. Ца го хьуна, и бIарзбелла хьийза нохчий? Нехан йалсаманел шен жоьжахати тоьлу.

Капитано, тIе а веана, резахилла, белшах куьг туьйхира салтичун.

– Бакъ боху ахь, Ефрем Анисимович, бакъ. Даймохк – даймохк бу. Дика белахь а, вуон белахь а, вайн даймохк бу-кх иза. Дика хир дара цигахь Iедал жимма адамалле хилча. Кхечу мехкашкахьчул къизо ду вайн Iедал. Къаьсттина – муьжгашца. ХIун дийр ду, вайшинга хийцалур дац-кх иза. Оцу ницкъболчара xIyп аьлча, доьза вовр ма ву вайша. Дан хIума дац, Анисимич. Мацца а цкъа цхьа зама йогIург хир йу массарна а маршо йолуш. Къаьмнийн барт беш, xIapa цIий Iенош доцуш. Амма хаац-кх – маца, гуш йац иза. Ткъа хьан амалх лаьцна аьлча, Анисимич, оцу нохчашка, хьо санна, дог лозуш хьожу хьуна со а. Сан аьллар хилча, xIapa миска кхелхинарш шайн цIахь хуьлуьйтур бара ас, хIокху дуьненан дерриг хьал церан долахь а хуьлуйтур дара ас. ХIун дийр ду, Анисимич, ницкъ бац. Суна хала ду, Анисимич, гIаддайна сайн неIсагIи тIе баьхкина и нохчий даьссачу куьйгашца дIахьовсо, амма ницкъ бац-кх царна гIo дан. Сан алапех вайшинга кхабалур ма вац мацалла леш воллу масех эзар стаг.

Амма Чеботарев хIоьттина лаьттара.

– Хьан оьздалла, Александр Семенич, уьш йеха баьхкина бац, схьахетарехь, хьуна тIе цхьа дехар дохьуш баьхкина. Уьш герзаца кечбелла, дикачу дойшкахь береш бу.

– Нагахь айхьа баккъал бахахь, схьачукхайкха уьш.

Эпсарна сий делла, цхьана кога тIехь дIа а хьаьвзина, аравелира салти.

4

Цхьа масех минот йаьлча, шеца шиъ нохчо а валош йухавеара Чеботарев.

– Хьан оьздалла, шиъ арахь сеци говрашца.

Шиннах хьалхарчо, горга йуьхь-марш а, сийна бIаьргаш а болчу безамехьчу нохчочо, оьрсийн маттахь маршалла делира. Церан гIиллакхаш мелла а девзачу Зеленыйс, шиннен а куьйгаш лоцуш, маршалла а хаьттина, стоьла улло охьаховша гIанташ гайтира царна.

– Анисимич, ахь даим а хестадора хIокхеран хьаша тIеэцаран гIиллакх, – салтичуьнгахьа вирзира капитан. – Вайша йуьхьIаьржа хинвоцу хIума лело хьайна дика хуур хьуна. ХIорш дIабаха арабевлча, кухне бигий, йуург ло веанне а.

– ХIан-хIа, Александр Семенич, иштта дан ца деза иза, – корта ластийра салтичо. – Кхушинна йуург хIинцца йала йеза.

 

– И хIун ду?

– Вузийний бен, хьеше деана гIуллакх хатта бакъо йац вайн кхеран Iедалехь.

– ТIаккха, дера, беза кхушинна хьалха сихха кхача билла!

Араиккхинчу Чеботаревс, хIорш вовшашка хьал-де хаьттина бовлале, стоьла тIе кIайн бепиг, шекаран чай, хурманаш, ши шиша цинандальски чагIар хIоттийра.

Чу чагIар а доьттина, хьешашна хьалха стаканаш хIиттийра капитано. Шениг кара а лаьцна, хьалагIеттира иза. Ши хьаша а хьалагIеттира.

– ДIаэцал аш, хьомсара хьеший, вайна вовшийн довзарна тIера цхьацца кад мер вай!

Хьешаша стаканаш дIа ца оьцура.

– Ахь бехк ма билла, господин эпсар, – бохийна, амма тоъал нийса оьрсийн маттахь вистхилира сийна бIаьргаш берг. – Кху хIусаман дена там хирг дIовш мала а реза хир ву тхойша, амма малар мала йиш йац-кх. Тхан дино тхуна дихкина иза. Баркалла хьуна.

– ХIун дийр ду ткъа, ца магахь, ницкъбойла дац, – шен карара стака, къурд ца беш, охьахIоттийра Зеленыйс. – Охьаховшал, xIeта. Кхача дIора токхе бацахь а, дIаэцал шайна.

Ши хьаша, багахь цхьа шабар-шибар дина, цхьацца баьпкан йуьхк схьа а эцна, пIелгашца кIез-кIезиг йоккхуш бага а туьйсуш, меллаша Iийша велира. Зеленыйс леррина тергалдора цаьршиннан аматаш. Сийна бIаьргаш болчун аьрру куьйган пIелгаш дацара. Цуьнан къамеле ладоьгIча, бIаьргаш чу хьаьжча, хаьара Зеленыйна и стаг тIемалочул тIех политик а, догцIена, адамалла долуш стаг а хилар. Ткъа важа, шолгIаниг, вист ца хуьлура. Векъана, шуьйра белшаш, андий пхьарс-ност, йуткъа гIодайукх, курра саттийна ворта. ХIетта къеждала доьлла кортий, мажжий.

Йуург йиъна, цхьацца стака чай а мелла, шаьшшиъ паргIатваьлча, хIусамдена баркалла а аьлла, шайн гIуллакх дийца вуьйлира ши хьаша.

– Господин эпсар, тхо Муша уллера схьадаьхкина.

– Муша уллера? – цецвелира Зеленый.

– ХIаъ, господин эпсар.

– Лаа биний аш и гена некъ?

Сийна бIаьргаш болчо корта хьовзийра.

– Лаа догIур дуй ткъа цигара дуьйна? Бохамо арадаьхна тхо, господин эпсар. Бохамаша бIарздина, махках девлла тхо, хIинца кхузахь иза эз-эзарза садаьлла. Оха дийца ца оьшуш, хьуна гуш ду-кх тхоьга хIоьттинарг. Тхан жайнаша дуьйцу, мацца а цкъа цхьана эхартан заманахь къемат-де хIуттур ду бохуш. И къемат-де тхуна хIоьттина-кх.

Нохчочо дуьйцучунна тIетовш, корта теIабора капитано.

– Адамца хьагI, мостагIалла доцуш, шайн лаьмнашкахь, аренашкахь машаре бехара тхан дай. ТIаккха тхан лула, Теркан раьгIнашка, баьхкина, баха охьахевшира гIазкхий. Вежарий санна, бертахь бехара уьш а, тхан дай а. Вовшийн чу-каре а йолуш, вовшашка лерам а болуш, вовшашна дика хилча, хаза а хеташ, бохам беъча, хала а хеташ. Амма, тхо а, тхан дай а, церан дай а дуьнен чу а бовлале, тIамца тхан махка даьхкира оьрсийн эскарш. ХIетахь дуьйна мостагIалла доллу тхан махкахь. КIез-кIезиг йулуш, херо йуьйлира, тIаккха мостагIалла дуьйлира тхуний, гIазкхашний йуккъе. Тхешан мохк, доьзалш, синош лардан тхо гIерташ, уьш тхоьгара дIадаха шу гIерташ, кху тIаьххьарчу дезткъа шарахь хаддаза вовшийн цIий Iенийра шун а, тхан а къаьмнаша. Хьуна баккъал дерг хаа лаахь, шуьниг а ду декъаза къам. Россехь йийсарехь кIеззиг хан йоккхуш суна хиъна иза мел доккхачу Iазапехь, харцонехь доллу, цунна тIом ца оьшийла. Мухха делахь а, цIий Iена-кх. Бехкеверг Далла го. Къам доккха, ницкъ алсам хиларна, шу туьйли. КIезиг, гIорасиз долу тхо иэшна.

Шаьлтанан макъара тIе ка а диллина, тIулгах воьттича санна, вист ца хуьлуш хиъна Iачу вукху нохчочун кийрара узам болуш санна хийтира капитанна.

– Тхо эшна, – къамел дора сийна бIаьргаш болчо. – Нийсса ах тхо хIаллакдина, тхоьгара мохк а, маршо а дIайаьккхи аш. Латта доцуш дисина тхан къам ирчачу хьоле дуьйжира. Нагахь хьо Нохчийчохь хиллехь, хьуна гина хир ду дерзина тхан бераш, тIелхигаш кхоьхкина лела баккхийниш. Цу тIе, аш тхан коча Iиттира шайн Iедал, гIиллакхаш, хьоьшура тхан дин. Оцу йуккъехула эладита даьржира, кестта нохчашкара герз дIаоьцу, керста дине берзабо, Сибрех кхалхабо уьш аьлла. Кхечара эладита айъира, туркойн паччахьо тхо дIа а доьху, цигахь тхуна къастийна дика мохк а бу, Дала а делла, цига дIаваха луучунна оьрсийн паччахьо бакъо а ло, Кундухин Алхазан Мусий, Iуспанан Сайдуллий шайца богIурш эцна, цига кхелхаш ву аьлла. Оцу шина стага а бохура, и дерриг бакъ ду. Нахана хьалха кхо некъ хIуьттура: йа даймахкахь мацалла хьегар, эххар а керстанаш хуьлуш; йа оьрсийн Iедалх летта хIаллакьхилар; йа кхуза, туркойн махка, схьакхалхар. Цхьаберш тIаьххьарчу новкъа бевлира. Кхузахь мукъа а маршой, сискаллий карор йацара-те аьлла. Ткъа уьш мел чIогIа гIалатбевлла гуш ду-кх. Кундуховс а, Сайдуллас а Iехийна тхо. Туркоша тхуна къастийна боху мохк йекха, даьсса, дерзина гунаш ду. Цига дахча, тхо делла дIадевриг хиларан шеко йац. Нахана лаац цига баха…

Шен къамел сацийна, дакъаделлачу балдех мотт хьаькхна, дIасахьаьжира нохчо. Схьахетарехь, хала дара цунна шаьш хьегна Iазап далхо, шайн иэшамна къера хила. Стоьла тIехь бошхепахь лаьттачу графинара доьттина стаки чохь хи дIакховдийра цуьнга Александра Семеновича. Жима ши къурд бина, стака стоьла тIе охьа а хIоттийна, шен къамел диссинчуьра дIадолийра нохчочо:

– Нахана лаац цига баха, господин эпсар. Уьш хIинца кхетта махкахдовларца шаьш далийтинчу гIалатах. Нагахь Диарбекирна дехьа къастийначу махка дIагIахь, цигахь а лийр ду тхо. Мушехь дисахь а, лийр ду. Малхо доттуш, догIанаша лийчош, тхо цигахь лаьтта масех бутт бу. ХIинца тIегIерташ йочане гуьйре йу, цунна тIаьххье, борз санна, Iа догIу. Ткъа тхан кIелхIитта хIусамаш йац, кийра бузо хIума дац. Шайна йолах эскаре хIитта, боху тхоьга туркоша, шайн лолле дерза. Иза дан тхуна лаац. Нагахь xIapa Iа дIадаллалц мукъана а кху Мушаний, Ванний, Къарсаний гуонаха дIатардича, бIаьсте йаьлча цхьа Дала дайттинарг дийр дара оха. Тхо цигахь совцийта дуьхьал ву, боху, шун паччахь. Цхьа кIира хьалха шеца кхо эзар дошло волуш Муше веара инарла Эмин-паша. Бертахь цигара дIадовла, ца довлахь, ша нуьцкъала дохур ду, боху цо. Ойла йан итт де хан а йелла, вахана. Ткъа нехан сацам хилла, цигара дIа малхбузехьа ца баха, зударшций, берашций цхьаьна летта бала. Инарло тоьхна хан кхана-лама чекхйолуш йу. Тахана ца Iанахь а, кхана-лама цIий Iенар ду. Кхелхина кху махка баьхкинчу нохчаша – кегийчу бераша, гIорасизчу зударша, къаналла сирбоьллачу баккхийчу наха – массара a xIapa дехар эцна хьуна тIехьовсийна тхо, господин эпсар. Хьан карахь ду церан синош.

Чоина чухуларчу гIовталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна ши кехат кховдийра цо Зеленыйга. Цуьнгара и схьаэцна, даржа а дина, тIехьаьжира капитан. Чехкачу хотIаца, кегийра Iаьрбийн элпашца йаздина дара ший а кехат. Карахь дIаса а хьовзийна, хIуманах ца кхетта, шина хьеше хьаьжира иза.

– ХIун ду кху тIехь аш йаздийриг?

– Ас дийцинарш доцца оцу тIе йаздина ду. Тхешан бохам, тхаьшкара Iазап, бала. Оха доьху тхаьш Мушаний, Ванний гуонаха дитийтар, нагахь цунна шаьш резадацахь, тхешан даймахка йухадерза тхайна бакъо йалар. Шиннах цхьаъ.

Александр Семенович, хьала а гIеттина, ши куьг букъа тIехьа тIе-кIел а диллина, меллаша чухула дIасаволавелира. Цхьа а вист ца хуьлуш ши-кхо минот йелира. ЦIенкъа тесначу гIеххьа тишачу куза тIехула цIийзара капитанан когара цIена эткаш. Цуьнан нийса букъ, цхьа беза мохь тIебиллича санна, оцу минотехь хаъал сеттира. Кура корта таьIнера. Шен тодинчу Iаьржачу мекхашна шина a aгIop наггахь куьг хьокхуш, лекхачу хьажа тIе шад гулбина, бIаьргаш цIенкъа а боьгIна, масазза а дIасавахара иза. ХIетталц дош аьлла вист ца хуьлуш и оьрси тергалвеш Iачу Аьрзуна хиира иза догцIена, къинхетаме, комаьрша, куралла йоцуш, амма шен лаамехь воцуш стаг хилар.

– Шуьгарчу хьолах дика кхета со, доттагIий, – элира цо, шен боларх ца вухуш. – Аш тхуна тIебуьллу бехк а нийса бу. Шун дехар а бакъонца ду. Амма сан ницкъ бац-кх шуна гIo дан, – белшаш хьала а тухуш, ши куьг дIасатесира цо. – Сан карахь хIумма а ма дац. Тифлисера схьадаийтина омра кхочушдар – иза ду сан декхар. Цхьа сиз ца талхош. Доцца аьлча, цигарчу хьаькамийн карахь тайниг йу-кх со.

– Хьайггара хIума дан бакъо йоцийла-м тхуна а хаьий, – кIеда-мерза элира Маккхала. – XIapa тхан дехар цига дIадахьийтахьа, господин эпсар. Тхоьгара къа-бала хиъча, тхуна орцах бевр бара-кх уьш.

Капитан гIайгIане велавелира:

– Шуьгахь долу хьал ма дика хаьа-кх цигахь. Шозза йаздина ас цамгарший, мацаллой шу хьоькхуш хилар, туркоша къастийначу махка тIе ховшадахь, шо далале шу делла дIадевриг хилар.

– ХIун боху цара?

– Шу схьадохкуьйтуш шина паччахьна йуккъехь хилла барт бу, шуна мохк Диарбекарний, Эрзинжанний дехьара билгалбеш. Шина паччахьан хилла барт, цаьршиммо вовшашна делла дош дохо йиш йац, боху.

– Со ца теша цунах, – корта хьовзийра дуьххьара вистхиллачу Аьрзус. – Ишттаниг хила йиш йац. Дош духура бохуш, сила долу адам хIаллак муха дийр ду? ХIан-хIа, эпсар, туркоший, аший билгалйинчу оцу меттиге дIа ца кхелхаш, бала сацамбина наха. Йа Мушаний, Ванний шахьаршна гуонаха дита тхо, йа цIехьа гIyp ду тхо. Шиннах цхьаъ. И тхан дехар Тифлисерчу оцу сардале дIадахьийта. Дала тхох къинхетамбар даг чу тосур дац-те цунна.

Дукха къахьегна, кIадвелла хIоьттича санна, везза кресло чу охьа а хиъна, пIелгийн йуьхьигашца стоьла тIехь йайн вота туьйхира капитано. ТIаккха, стоьла тIехь Iуьллу нохчийн дехаран кехат схьа а эцна, вехха цуьнга хьийжира.

– ДоттагIий, – элира цо, доккха са а даьккхина, – кхузахь мел дукха дийцарх, ваьштадогIур доцу гIуллакх дуьйцуш, эрна хан йойъу вай. Йуха а боху ас, шуьгарчу бохаман дакъа кхаьчна соьга, шух дог лозу сан, амма шуна гIo дан ницкъ бац. Ас дича ден дерг, сан ницкъ кхочу дерг шун букъа тIехьа къайлаха лелочу, хуьлуш долчу гIуллакхех шу кхиор ду. Амма иза ас шуьга дуьйцур ду, дийца сайн бакъо йоццушехь. Шух доглазарна, шуна гIo дан со гIорасиз хиларна, шун бихкина бIаьргаш айса дIабаьстича мукъана шайна некъ лаха шуна атта хиларга догдохуш. ХIетте а IадIийр вара со, шуьшиннах со ца тешахьара. Цундела дуьйцу ас. XIapa шун дехар, шуна лаарна, ас наместнике дIа-м дохьуьйтур ду, амма кхунах хила гIоли йац. Тхан правительствос шу йуханехьа цIа доьрзуьйтур ду бохург хьехочохь а дац шуна. Цуьнга дог ма даха. Аш шайна мохк боьхучу Мушаний, Ванний гуонаха шаьш дитарга дог а ма дахалаш. Цкъа-делахь, тхан Iедало туркошна бакъо лур йац шу цигахь совцийта, шолгIа-делахь, оха бакъо йелча а, цигахь шуна бала мукъа мохк а бац. Цигара латта нехан долахь ду. Диарбекирна дехьара мохк пачхьалкхан долахь бу, цундела хьийсадо шу цига. Нагахь бертахь шу цига ца гIахь, туркоша нуьцкъала дуьгур ду шу. Шуна ма хаьа, Эмин Мухлис-паша кхо эзар дошло валош шаьш долчу сакъера ца веанийла. Шу цIера девллачул тIаьхьа телеграфца воккхачу везире шена кхин тIе эскарш а, нохчашна дуьхьал герз даккха бакъо а йехна цо. Воккхачу везиро кхочушдина цуьнан ший а дехар. Хаалаш, бертахь цигара шу дIа ца довлахь, цIий Iенарг хилар. XIapa туркой шун бусалбанаш белахь а, кхаьргахь цуьрриг къинхетам бац.

Иза-м шина хьешана а хаьара. Иза дерриг а шайн бIаьргашна ца гинехьара, шайн йаьIни тIехь ца лайнехьара-м, и шиъ xIapa дехар дохьуш кхуза вогIур а вацара. Хьалхара кисанара схьа а даьккхина, пуржин таIийна, дато негIар диллина, сахьте хьаьжира хIусамда. Лаамаза арахьажавелира Аьрзу а. ХIетта йекхначу стигалахь гучубаьлла малх чубуьзна болуш боллура.

Шайн дийцарш чекхдаьллий-те хетта Маккхал, кхуо хIун олу-те аьлла, Аьрзуга хьаьжира. Амма Аьрзу, жоп даларан меттана доккха са а даьккхина, голаш тIе ши куьг дуьллуш, хьалагIеттира.

– ХIета, ши некъ хIутту-кх тхуна хьалха, – элира цо гIайгIане. – Цигахь туркойх летта далар йа йуханехьа, цIехьа, гIортар.

– Йуханехьа цIа дохуьйтур дац шу, – корта ластийра Зеленыйс. – Туркоша дозане кхочуьйтур дац йа тхайчара цигара дехьа а довлуьйтур дац.

– Ткъа хIун де оха? – вагийна хаттар диначу Аьрзус тIетуьйхира. – Тхан дехар дIадахьийтахьа, эпсар. Ма-хуьллу сиха. Хьанна хаьа, мухха кхаьчна а дозане кхаьчча, къинхетам бина, сардало цIа дита а мегий тхо-м. ТIулгах дина-х даций цуьнан дог.

– Хаац, доттагIий, суна хаац шуна хьехар дала. Ас сайна хетарг аьлла, аш шайна хуург де. Муьлххачу новкъа довлахь а, Дала аьтто бойла-кх шун! Ашшимма хIун до? – хаьттира цо, Маккхал хьалагIеттича.

– ДIадоьлху тхо.

– Мича?

– Мича дан а дац, йуханехьа новкъадевр ду-кх.

– Буьйса ткъа?

– Буьйса а йоккхур йу-кх гIалел арахь.

– ХIан-хIа, иза дойла йац, – дуьхьало йеш, корта хьовзийра Александра Семеновича. – КIадделла, гIелделла шу кхин садаIар доцуш йуха муха доьлху? Шуна хьешан цIа-м дац сан. Амма божал ду чохь сийна йол йолуш. Анисимича, хаза дуза а дина, цу чохь паргIатдохур ду шу. Iуьйрре гIевттина, новкъадевр шу.

Ши хьаша вовшашка хьаьжира.

– Шуна новкъарло хирг ца хилча, говрашка садаIийтархьама, Iийр-м дара тхо, – элира Маккхала. – Буьйсанна уьш йажо меттиг хир йац тхуна…

* * *

Ткъа хIокхеран даймахкахь хIинцале а хIорш «тIеэца» кечамбеш бара:

«Теркан областан ТIеман Йуккъерчу Отделан Начальнике инарла-майоре эле А. Тумановга.

 

№ 2244, 18 август 1865 шо

Хьомсара Государь Александр Георгиевич!

Сох тешийначу областера кхелхина Турце боьлхучу туземцийн тIаьххьара парти 17-чу августехь кхузара дIайахарца а, кху шарахь кхин тIе кхалхор сацорца а доьзна хьан сийлаллина тIедуьллу ас хьайх тешийначу Отделера цхьа а доьзал хIинцачул тIаьхьа Турце дIацахецар. Ткъа кхелхинчу ламанхойх сан Канцелярера билет доцуш шен даймахка цIа бирзина нах, нагахь церан карахь вайн консулато визировать дина паспорташ делахь, гуонаха ха а хIоттадай, Владикавказе схьахьовсабе.

Цуьнца цхьаьна хьоьга дIахоуьйту ас, нагахь санна Турцера цIа веана стаг цхьамма къайлаваьккхина меттиг хилахь, наибаша цунах уггар луьра жоп дала дезар а, ткъа и стаг цIаверзар шен хеннахь Iедале ца хаийтина йуьртда Россех дIавохуьйтург хилар а.

Инарла-лейтенант Лорис-Меликов»

«Аргунски Округан начальнике майоре Ипполитовга:

Хьан оьздалла!

Цуьнан локхаллин Теркан областан Начальникан инарла-лейтенантан Лорис-Меликовн омранан копи хьоьга дIайаийтарца, хьан оьздалле дехар ду сан, хьох тешийначу Округера Турце кхелхинчу нахах Теркан областан Начальникан Канцелярера билет карахь доцуш шайн даймахка цIа бирзина нах хилахь, йуххе ха а даьккхина, уьш сихонца Владикавказе дIахьовсор, Турцера цIа баьхкина и нах левчкъина муьлхачу йарташкахь хилла хаийтар а.

Инарла-майор

эла А. Г. Туманов»

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru