ДIа баькх-баьккхинчу когаца гена тIаьхьайуьсучу дай баьхначу раьгIнашка йуха а хьоьжуш воьдучу Коьрина шаьш Мичка тIекхаьчна дохкучу хенахь дукъара охьа шайна тIаьхьабогIуш ченан кIур гира.
Коьрина санна, и гина нах цецбевлла хьуьйсура урх тIейиллина дой хецна шайна тIаьхьабогIучу берешка. «ХIун дохьуш богIу-те уьш?» – ойла йора хIораммо а. Уьш гергагIоьртича, нахана уггар хьалха шайн эвлара дой, тIаккха царна тIера береш а бевзира. Амма Коьрий, Чорий воцчунна цхьанне а ца бевзира берешна кхан доххала хьалхабогIу сира дин а, цунна тIехь Iийриг а.
Иза Коьрин доттагI Симсарарчу Олдаман Iаьлбаг вара.
Йухавирзича, некъ эгIар бу бохург дицделла, шен карара сараг охьа а тесна, доттагIчунна дуьхьалхьаьдира Коьра. Мох санна, чехка богIучу динара, иза лагI ца беш, каде охьа а иккхина, цунна тIехьаьдира бере.
– Коьра! – доттагI маракъевлира беречо. – Сайна а ца гуш хьо дIавахана вели моьттуш, ма дог доьхнера сан!
– ХIунда? Сайн даг чохь ас хьо дIахьуш вуйла ца хаьа хьуна?
– Амма, хьуна тIаьхьа ца кхиъча, со йуха-м воьрзур вацара, Хонкара кхаччалц дIавеъна а!
Бераш шайн доттагIчун некъ дика бан даьхканийла хиъча, уьш шайн дар-дацар ала а дитина, дIабуьйлабелира нах.
Шаьш бисинчу кегийрхойн къамел доладелира.
– Эххар новкъавели-кх хьо, Коьра? – бохура Iаьлбага, доттагIчун куьг дIа а ца хоьцуш.
– ХIун дийр ду, Iаьлбаг? – доккха садаьккхира Коьрас. – Дас аьлларг ца дича ма ца волу.
– Баккхийчаьрца шуна тIаьхьадовла гIиртира тхо, – бохура Коьрин эвларчу доттагIчо Къайсара. – Цара ца дахкийтира. Шу эвлах девлча, веана Iаьлбаг кхечира. ХIокхуьнца гIаш дукъа довлуш дохкуш, йухабирзинчарна тIеIоттаделира тхо. ХIара Iаьлбаг бахьана долуш, цара говраш йелла, тIаьхьакхии-кха.
– Баркалла шуна, кIентий, – баркаллица цаьрга хьоьжура Коьра. – Хала ду нийсаройх къастар. Амма даймахках къастарал доккха вуон дац стаге дан. Ши бIаьрг бекъа белахь а, дагах цIий Iийдало сан. Шу гича, сан даг тIера ах бала айъабели. Дела реза хуьлда шуна! Iаьлбаг, йаханчу аьхка лам чохь цхьана буса вай биъна дуй ас цкъа а бицбийр бац. Тхаьш цигахь дIатарделча, цIа вогIyp ву со. Шу маршонна гIевттинчу дийнахь шуна улло дIахIотта!
Нах, Мичкал дехьа а бевлла, цунна йистерчу эвла буьйлира. ДоттагIчун сибат гуттаренна а шен даг чу дижо санна, леррина Коьрега хьоьжура Iаьлбаг. Тахана дуьххьара тидам хилира цуьнан Коьрин беркъачу барзакъан. Зарзделла, летийна тиша чоа, цхарбоьлла кхакханан куй. Гоьлаш тIе йомеш йиттина, чордачу жIаймашин хеча. Йакъайелла, салазан мIаьчигаш санна, буьхьигаш ирхъхьаьвзина неIармачаш. Йукъахйихкина соврах мерцхагаш дийлина тиша шаьлта. Стохка лома а веанера иза нехан говрахь…
– Шек дIа ма вала хьо, Коьра! – шен йуьхь тIе йоьссина гIайгIа дIа а иэккхийна, векхавелла, Коьрин белша тIе куьг туьйхира Iаьлбага. – Лелар – кIентан ирс, цIахь Iap – йоьIан ирс, олуш ду вайн. Цкъа дуьнен чухула гуо тасий, цIа вола хьо. Амма нохчочун къонахаллех, оьздангаллех ма вохалахь, хьо шаьлтанца воруш, кескаш йеш охьавиллича а. Кхин а ду цхьаъ, Коьра. Туркоша шайн эскаре дика дIаоьцу, боху, вайн мехкан нах. Церан эскаре хIотта. Со тешна ву царна йуккъехь хьо сихха лакхавериг хиларх. Вайн баккхийчара догдиллина маршонах. Герз охьа а диллина, доIина куьйгаш леца боьлла уьш. Амма доIанаш дарх маршо хир йац. Иза туьрца йаккха йеза. И аьлча-м, цара аьттехьа а ца дуьту. ТIекхуьучу чкъурах ца беша. Йайна тIаьхье йу, олу. Царна моьттург бакъдоцийла хоуьйтур ду вай, ваьш даккхий хилча. Цхьа масех шо даьлча. И дерриг дийцина вай. Нагахь хьайн аьтто хилахь, цигахь эпсарийн дешар дешалахь. Шемалан наиб хилла Алдара Сапарчин Юсуп-Хьаьжа вуьйцу хезний хьуна? Вай санна, жима волуш Хонкара а вахана, цигахь дешна а ваьлла, цIа веана нохчо вара иза. Иза вара Шемална йерриг гIаьпнаш йоьгIнарг, цуьнан Iедал, эскарш цхьана низаме далийнарг. Иттех шарахь Шемалан аьтту куьг хилла лийлира, оьрсийн махкахь эпсарийн дешар дешна, церан эскарехь лаьттина веана Шаммурзин Бота. Жима бер долуш Ярмол-инарлас ша Дади-Юрт йохош цигара йийсаре вигна хиллера иза. Ша итт шарахь вайнахана диначу гIуллакхал бIозза сов зиэн дира цо, ведда йуханехьа оьрсашкахьа а ваьлла, вукху итт шарахь. Вайна оьшурш Юсуп-Хьаьжа а, Берса а санна эпсарш бу. Вайн халкъан, вайн мехкан дуьхьа шайн синош, бIаьрнегIар ца тухуш, дIалур дерш. ХIинца хьо кхин сецор вац оха. Вайна мел ца лаахь а, къаста деза.
Iаьлбага, шок тоьхна, тIейийхира некъана йуьстаха йежаш йолу шен говр. Ден шок хезна иза, ши лерг дуьйлина, хьала а таьIна, йайн тарса а терсина, йедда тIейеара.
– Коьра, хьуна иэшахьара, тахана сайн са а лур дара ас хьуна, – элира цо. – Ткъа тахана цкъа иза иэшац. Амма хьуна иэша а оьшуш, сайн са санна, суна дукхабеза xIapa дин ло ас хьуна сайн безамна.
Цецваьлла Коьра къаьрззина доттагIчуьнга хьаьжжинчохь висира. Цецбевллера гуонаха лаьттарш а. Iаьлбага хьовха, цара массара а хьоме лелайора и тамашийна говр. Уьш стохка лам чу бахча, цкъа Iаьлбага, чехка догIучу ламанан хи чу а иккхина, бердах йоллучу куллах а тасавелла, бекъа тIейийхира. Йедда берда йистте а йеана, чухьаьжча, чохь кхозавелла мохь хьоькхуш Iаьлбаг гина, Iадийча санна, и чIажаш декош, терсаш уьдура иза. Мел чехка йедда йоьдуш хиларх, Iаьлбаган омранца цIеххьана соцура. ТIехьарчу когаш тIе хIуттура, мел генахь хиларх, Iаьлбага шок тоьхча, тарса а терсий, йодий тIейогIура.
– Iаьлбаг…
– ДIалаца! – Коьрин буйна урх теIайора Iаьлбага.
– ХIан-хIа, Iаьлбаг, дуьне дохарх оьцур йац, – ши куьг хьалха а тоьхна, йухагIоьртира Коьра. – Кхидерг хьайна луъург луо, амма говр ма кхийдайе. XIapa суна йелча, ахь хIун до?..
– Тхан кхин а йиъ йу.
– XIapa саннарг йац. Ахь хала кхиийна иза.
– Бакъду, xIapa саннарг йац. Амма дика йиъ говр йу. Хьан цхьа а йац.
– ХIан-хIа, Iаьлбаг, ма дийца. Массарна а хаьа, шуьшинна вовшийн мел дукхадеза.
– Цундела лаьий суна-м xIapa хьуна йала! Тамаша а бацара, сайна йезаш ца хилча, ас хьуна xIapa йалар-м. Иштта, ши куьг ластийна вахча, туркошна йуккъехь сий хир дац хьан.
– ХIан-хIа, Iаьлбаг, дукха безачу механ совгIат ду xIapa, – тIе ца дуьтура Коьрас.
Iаьлбаг дегабааме велира.
– Коьра, хьо кхоьллинчу Делан дуьхьа, вай дуй биъначу гIуллакхан дуьхьа, дIаэца xIapa! Суна чам бойуш воллу-кх хьо…
– ОстопираллахI! Ма алахьа иштта!
ХIетталц цаьршинга ладоьгIуш Iийначу берийн гIовгIанаш йевлира:
– ДIаэца, Коьра, цунна халахетар ду!
– Ахь шена ден дерг ду хьуна цо дийриг!
– Делхьа, ма дош дац-кх ахь лелориг, Iаьлбаг, – чам байна корта а хьийзош, урх схьалецира Коьрас. – Хьо ца гуш, дIаваха велира со…
Шен йукъах схьадаьстина детица кхелина шаьлтий, доьхкий делира Къайсара.
– Сан безамна xIapa шаьлта лелайехьа, Коьра.
– Ас хIан-хIа бахарх, вуьтур вац-кх аш со. Дела реза хуьлда шуна!..
– ХIан, хьан накъостий генабевлла, Коьра, – сихвира иза Iаьлбага. – Хьо говра тIе валале, цкъа маралелхий вай!
Массарна роггIана мара а иккхина, кхоссавелла говра велира Коьра. Шена тIехь хийра стаг хаавелла говр, мераIуьргаш йекийна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоьттина, тIаккха, хьалха дIакхоссайелла, IаддаргIа санна, ворта а саттийна, цIингаш кхуьйсуш, дIаиккхира. Амма, тIелатийча санна, нуьйрахь Iачу Коьрас, кIадйаллалц хецна а йитина, тIаккха урх йуха а оьзна, хьовззийна йухайалийра иза. Дарйелла говр, мераIуьргаш йекош, бехкбоккхуш санна Iаьлбаге хьоьжура.
– ХIумма а дац, Сира, хIинцца йоьр йу хьо цунах. Амма сатоха деза. Вайн цIахьлерниг хир дац шуьшинне а.
Iаьлбаг шен говра а хаийна, цунна тIехьа хиира Къайсар.
– Хьо Мичках дехьаваллалц дIадогIу тхо, – элира Iаьлбага.
– Баккъал дерг аьлча, Коьра, хьох къаьсташ, велха дог догIу сан. Амма вайн ойланаш а, чIеIамаш а цхьаьнадогIур дац. Къайсар, дIаалал вайн дайн илли!
Къайсара, йайн йовхарш тоьхна йиш тойина, илли долийра.
ХIетта чIагIдала доьллачу гIоргIачу аьзнашца тIаьхьара гIигI бира бераша:
Тхо цкъа а цхьанненна
Къарделла совцур дац,
Йа маршо, йа Iожалла –
Шиннах цхьаъ йоккхур йу…
… БIаьстенга тхаьш довлахь,
Цу кхахьпа элашка
ХьотIца цIий тийсийта
Делах дуй биъна ду!
Къайсарна тIаьхьара ойъуш волчу Iаьлбаган болатан басахь горга йуьхь воккхачун санна буьрса йара, оцу къоначу аьрзунан Iаьржа бIаьргаш ткъесах лепара:
Мокхазан ламанаш
Даш хилла лаларах,
МостагIийн арданго
Тхо гора иэгор дац!
Бос Iаьржа ва латта
Молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина,
Тхо лаьтте доьрзур дац!..
– ХIейт, гора вай, кIентий, йаI!
Мацалло хьовзадахь,
Орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаьш бIарздахь,
Бецан тхи мийра ду!
Цу лаьмнийн хьехнашкахь
Шах цIераш летор йу,
Тхайн таррийн йуьхьгашца
Уьш марсайохур йу!..
– Аз айде, кIентий!
ХIоьънаша зарзйина
Тхайн чорда башлакхаш
Къоначу воIарийн
Белшаш тIе туьйсур йу!
… МостагIех лиэтачохь
Iожалло тхаьш лецахь,
Тхайн метта дIахIиттар
Царна тIедуьллур ду!..
– Маршо йа Iожалла!
Буьйсанна борз йехкаш
Дуьнен чу девлла тхо,
Iуьйранна лом угIуш
Тхан цIераш техкина.
Аьрзунийн баннашкахь
Наноша дакхийна,
Тархаш тIехь дой хьийзо
Дайша тхо Iамийна…
Илли ца сецира уьш Мичка тIе кхаьчча а. Кхузахь ца соцуш, шен дин цуьнан муттанечу хи чу а тесна, дехьаваьлла Коьра, аьтто aгIop бисинчу доттагIашка тIаьххьара бIаьрг тоха йуха а хьаьвзина, цхьана минотана соцунгIа хилира.
Халкъана, махкана
Наноша тхо дина,
Цаьршинна иэшначохь
Майрра дIахIиттина.
Маршонехь кхиийна
Ламанан лечарчий
Халонех, бохамех
Курра чекхдийлина.
Мехкарша тхан чевнаш
Эшаршца йерзайо,
Iаьржачу бIаьргаша
Хьуьнаршна гIиттадо.
Буьйсанна борз йехкаш
Дуьнен чу девлла тхо,
Iуьйранна лом угIуш
Тхан цIераш техкина…
Илли ца сацош, доттагIчун Iодика йеш, хIаваэ лаьцна, тапчанаш туьйхира цара.
Шен доьхкарх схьайаьккхина тапча, зIок кIегархIоттийна хьала а лаьцна, доттагIашка мохь туьйхира Коьрас:
– Маршо йа Iожалла!
Йассайелла кIур туьйсучу тапчин биргIи чу xIyп аьлла, иза йуханехьа доьхкарх а йоьллина, урх оьзна, говр тIехьарчу когаш тIехь хьовза а йина, тIаьхьа ченан кIур хIоттош, ма-йоьдду малхбузехьа дIахийцира цо.
Ткъа берийн хIинца а чIагIдалазчу аьзнашца нохчийн бIаьхаллин иллин аз декара Мичкан лохачу бердашца кхалхадуьйлуш.
Оцу иллица гIиттинера церан дай, дендай, церан а дай. Масех тIаьхье. БIе шовзткъа шарахь. И илли шен рогIехь хIинца кху берашка кхаьчнера.
Массарел а хьалха лаьттачу Iаьлбаган аз Коьра гучуьра волуш, цIеххьана, доьхна, дегийра. Дегийра бIаьрнегIарш а, беран ховха балдаш а. БIаьрнегIаршна йуккъехула схьаIовдабелла боккха ши тIадам, цIенчу беснеш тIехула керчина охьа а беана, настарш тIе буьйжира.
Цхьанне а ца хаьара и болатан басахь жима кIант, таханчул тIаьхьа нийсса шийтта шо даьлча, Нохчийчохь хин болчу уггар боккхачу гIаттаман баьчча хир вуйла а, Нохчмахка дIа а лаьцна, иза, шена тIаьхьа доккха эскар долуш, кхузахула Мичках ваьлла, малхбузехьа нохчийн аренаш тIе вер вуйла а, бархI баттахь паччахьан колонизаторшна луьра дуьхьало йиначул тIаьхьа и гIаттам дакъалацархойн цIийлахь лийр буйла а, тоьллачу мостагIчун къизаллех йарташ кIелхьарйахархьама, и жима кIант шен лаамехь гуш лаьттачу Iожаллина, инарла Смекаловна, тIе гIур вуйла а, оцу инарло иза а, цуьнца кхин шийтта а Соьлжа-ГIалахь тангIалкхех уллур вуйла а…
И ца хаьара Iаьлбагна шена а.
Ткъа муттане Мичка, церан иллигий, цара йечу кхийсаршкий ла а доьгIуш, шекдоцуш охьаоьхура.
Цунна дукха хезнера и иллеш. Цунна тIехь дукха къийкъинера буьрса герзаш.
Цунна чу дукха Iеннера адамийн цIий. Татолашца.
Иза цецдаккха иэрчо ца йисинера дуьненахь…
Дуккха а, буьрса хиш хедош, со лелла,
Iаьрбийн мохк бевзина, туркошлахь хилла.
Массанхьа мисканиг къен-миска воллу,
Нуьцкъалчо мисканиг, сийсазвеш, лоьллу…
Кязим Мечиев
I
а дакъа. Iаьржа денош
Iедалхойн зуламаллина цара Iедал тIехь латтораш бехке бан мегар дац: правительствош цкъацкъа бандиташ хуьлу, амма халкъаш цкъа а ца хуьлу бандиташ.
В. Гюго
Оцу бIаьстенан цхьана буса махках баьккхина нохчийн пхи эзар доьзал цабевзачу хийрачу махка баха новкъа баьлча, империн кхечу маьIIехь, хьоло а, къоьлло а йукъйинчу Петербургехь, Кавказан тIеман турпалхочун инарла-майоран Викентий Михайлович Козловскийн цIеношкахь гулбелла бара оцу инарлин бIаьхаллин накъостий.
Парадни неIарехь магIарш дина лаьттачу пайтонашна, кареташна гуонаха, месалчу кетарийн пхьуьйшаш чу куьйгаш а доьхкина, шодмаш пхьаьрсаш кIел а йоьхкина, шел ца бала гIерташ, шаьш лаьттачохь ирхлелхаш, когаш бетташ, вовшашка къамелаш деш бара долахьчу экипажийн кучерш.
Массо кор серладаьллера инарлин цIенойн. Хьеший тIеоьцуш, неIаршкахь хIиттина лаьттара ливрейшца кечбелла йалхой. Хьеший гулбеллачу зала чохь тховх а, пенех а дашо варкъ даьккхинчу канделябраш чохь догура бIеннаш чIурамаш.
Стоьлаш тIехь баьрзнаш дина бес-бесара даарш, царна йуккъехь, бIаьвнаш санна, лаьттара тайп-тайпана маларш чохь лекхий, горгий, чIапий шишанаш, графинаш.
Йехачу стоьлашна гонаха хевшина Iара тIеман мундираш йуьйхина шайн йерриг регалишца инарлаш а, Iаьржа сюртюкаш, кIайн кучамаш йуьйхина, логехь «полларчий» дохку штатски хьаькамаш а. Хьешашна тIехьахула лаьттара, пхьаьрсех кIайн гатанаш а тийсина, муьлхха а омра кхочушдан кийча йалхой.
Тховса кхуза шен рогIехь хуьлуш йолчу пхоьазлагIчу кавказски суьйренга гулбеллера: кавказски тIеман турпалхой – Кавказан наместникаш хилла Михаил Семенович Воронцов, Николай Николаевич Муравьев, Александр Иванович Барятинский, Григорий Дмитриевич Орбелиани, Теркан областан начальникаш хилла – Николай Иванович Евдокимов, Дмитрий Иванович Святополк-Мирский, тIеман министр Дмитрий Алексеевич Милютин; инарлаш – Бебутов, Лазарев, Тер-Гукасов, Гейман, Засс, Дондуков-Корсаков а.
Кхузахь бара кавказски тIеман историкаш-публицисташ: къайлаха советник, академик Адольф Петрович Берже, Николай Федорович Дубровин, Арнольд Львович Зиссерман, Ростислав Андреевич Фадеев, художник эла Гагарин, полковник Вейденбаум, Шемална а, ламанан халкъашна а дуьхьал идеологически диверси вовшахтоьхна Iилманча-нумизматик, инарла-лейтенант Бартоломей.
Йукъ-йукъа хийшина Iара шуьйрий, йехий кучамаш йуьйхина, безачу механ жовхIарш, цхьацца кIал-кIовсарш кочахь, пхьаьрсех, пIелгех а йохку куралла дIасахьовса а ца беша хантоьхна зударий а, мехкарий а.
Хьурмате миноташ тIехIиттира.
Суьйренаш дуьххьара вовшахтохаран инициатор а, церан виллина председатель а волчу гIараваьллачу йаздархочо графо Владимир Александрович Соллогуба, ша Iачуьра везза хьала а гIеттина, цIий санна, цIен чагIар чохь лепа хрусталан бокал хьала а лаьцна, йайн йовхарш туьйхира.
– Хьоме государаш, хьомсара государынаш! Нийсса ши шо хьалха вайн гуламан сий хилира паччахьаллин наместник кху цIа чуьра хастамечу хьуьнаршка дIахьажо. Оцу суьйранна вай массо а тешна вара баьччина хастам а, Кавказна машар а хирг хиларх. Вай лоьруш волчу Дмитрий Алексеевич Милютина оцу суьйранна паччахьаллин наместнике аьлла некъан дешнаш хIинца а дека вайн лерехь: «Хьалха оьрсийн цIий Iенначу оцу лаьмнийн чIажашкахь, – элира Дмитрий Алексеевича, – хIинца нийса урхалла хIоттийна, цигара акхарой, шайн герзаш охьа а туьйсуш, латта лело, мах лело, шайн меттанашкахь дуьххьара йаздан а, деша а доьлла. Амма Кавказан лаьмнийн малхбузе йистехь хIинца а Iена оьрсийн цIий, хIинца а къарйала тигац цигарчу къаьмнийн йуьхьанцарчу дахаран акхаралла. Цигахь Iена цIий сацор, эзар шеран тIом чекхбаккхар, гражданственностан хIу тасар тIедилла Дала хьо къастийна, Хьан Императорски Локхалла!» Баьччас кхочушбина вайн тешам! Вай тешна дерг хилла! Декхар кхочушхилла! Кавказан тIом чекхбаьлла! Хьалхалера вайн сатийсамаш дагалецамашка бирзина! Амма мел безачу мехаца! Кавказан тогIешкий, чIажашкий йоьдда оьрсийн даьIахкаш. Маьхза ца тесна вай и ирча xIy. ХIинца тIекхаьчна йалта гулдо хан, вай дукха хенахь дуьйна сатийсина хан. ХIинца цига воьдург маьршачу махка воьду. Тхо хьегарца хьуьйсу и вайн оьрсийн Итали йуха а гун йолчаьрга. Вайн Кавказ хьоле йу хастамечу гIуллакхашца. Цигахь цхьа а меттиг йац, цхьа а маьIиг йац оьрсийн тIемалочо шен цIийца майраллин, муьтIахьаллин урок йазйанза. Цициановн, Котляровскийн, Ермоловн, Паскевичан, Воронцовн, Барятинскийн сийлахьчу цIераша вайна дуьйцу тIеман а, граждански а дицлур доцу хьуьнарш. Оцу дерриг а хьуьнарийн деккъа цхьа хьоста дара – Кавказе безам.
Чохь болчу наха, хьала а гIевттина, цIераш йаьхначу полководцех дийна бисинчех шайца кху чохь волчу шина эланна – Воронцовний, Барятинскиний – тIе а бирзина, дехха тIараш туьйхира.
– Кавказ а, машар а! – тIаьхь-тIаьхьа хьасарта оьхура Соллогуб. – ХIуъу дича а, оцу шина дашах дола тигац-кх вайн дегнаш! Цхьа тамашийна, ца кхеташ ду-кх и ши дош. Муха хир йу ткъа Кавказ – тIом боцуш, тIом – Кавказ йоцуш? ХIун ду а хаац, даккхийдерца дагахьбаллам бу-кх вайна. Вешан толам базбо вай, ткъа оцу йуккъехула, цхьа везачух, дагна хьомечух, къоналлех къаьсташ санна, дагахьбаллам бу. Хьекъал доккхаде. Дог доьлху. Дагна хаьа кху машаречу хено шегара майраллин, хьуьнарийн хан дIайоккхийла. Цхьа эзар цхьа бIе чаккхарма йехачу меттехь xIop а колл – кIело йолу, хIор а тарх – гIап йолу и мохк къарбелла кIелсецна бохучух тешалац-кх. Цигахь вайна дуьхьал лаьтташ мел инзаре боккха ницкъ хиллехь а, и тамашийна дерг хилла-кх! Кавказан лаьмнаш дIалецна! Кавказехь машар бу! Хьан дIалаьцна Кавказ? Баркалла хьанна ала деза? Хьанна кхайкхо беза хастам? Уггар хьалха, хьомсара государаш, хьомсара государынаш, хастам бала беза сийлахь-доккхачу оьрсийн муьтIахьаллина. Иза ду шуна Кавказ схьалаьцнарг!
Йекъанчу, гIуркх санна йехачу баронессас Николаис цIогIане мохь туьйхира:
– Кавказан тIемалошна – хастам!
– Браво!
– Виват!
Тоьхначу тIараша йекийра хрусталан пхьегIаш.
– Къилбехьарчу лулахоша йерзина йаьккхина, бIарзйина Гуьржийчоь шен порфираца дIахьулйеш, императоро Александра I-чо Россина тIера цунна дош делира са ца кхоош цунна гIo дан, – шен къамел кхидIа а долийра ораторо, хьаьсарта бахана зударий дIатийча. – Оцу дийнахь дуьйна схьа кхузткъа шарахь оьрсийн тIемалоша бакъдира паччахьан дош. Оцу дийнахь дуьйна схьа Кавказан тогIешкахь, чIажашкахь саццаза Iенара оьрсийн цIий. Цигахула чекхйевлла оьрсийн турпалхойн дийнна тIаьхьенаш, цигахь хилла туьйранара тIемаш. Цигахь кхоллайелла турпалчу хьуьнарийн летопись, шен илланчашка хьоьжуш лаьтта оьрсийн барта «Илиада». Вайна ца хууш, мел дукха хьуьнарш дIадоьхкина цигахь, ламанан тийналлехь, мел дукха адамаш дайна, шайн хьуьнарш а, цIераш а цхьана Далла бен ца хууш! Амма церан массеран а – вай хастам бечийн а, банза бисинчийн а – цхьатерра бакъо йу вайгарчу баркаллина. Церан массеран а цхьа цIе йу – муьтIахьалла. Уьш массо а, тIаьххьарчу салтичунна тIера хьала Ерригроссийски Престолан наследникан биста кхаччалц, кхераман ойла ца йеш, хьалха оьхура. Хьалха байракх йара, тIаьхьа тIехьоьжуш Росси йара. Оцу хьолехь лаьттан xIop a коржам тIамца йаьккхира вай. Оцу хьелашкахь вайн иэшам а, толам а бара оьгIазечу мостагIчунна тIехь, инзаре чIогIачу Iаламна тIехь. Оцу мостагIаллин, амма исбаьхьчу Iаламна хьалха кхочушдан дезачу декхаран дозалло а, сийлалло а кхераме дора вайн дахар, хIетте а кхечу aгIop дуьне ца оьшура. Цундела буьсу вайна кавказски тIом чекхбаларна дагахьбаллам. Шун дегнашкахь кавказски лекха ойланаш йисина. Уьш йу къарйинчу Кавказна тIехь тахана оьрсийн толаман байракх маьрша техкораш!
Шен хастам бIеннаш шерашкахь беха болчу кхузткъа шеран кавказски тIамо вайна, оьрсашна, хьовха, дерриг адамаллина йелла пайдехь, кIорггера хьекъале урок ца гойла дац вайн, хьомсара государаш. Кхузахь гучуделира вай цхьабарт болуш хилар, вешан декхар хууш, генна хьалха хиндолчуьнга хьуьйсуш, цуьнан ойланаш, схьалаьцнарг чекхдаккха собар а, хьуьнар а долуш хилар. Иза ду кавказски тIом вайга толамца чекхбаккхийтинарг. Кавказски тIамо весет дитина вайна а, вайн тIаьхьенашна а. Лаа ца аьлла поэто:
…Ткъа ахь, Ермолов, вицлун воцу,
Россин – хастам, ламанхошна – кхерам,
Хьурмате весет деш, хьайн цIе
Цамзанашца йазйина лаьмнех!
Кавказски тIом дIатийна дукха хан йоццуш, амма и лаьмнаш оьрсийн шайн гIуллакхна муьтIахьаллина гуттаренна а дагалецамийн хIоллам хилла дисина. Цигашха тIехволучу некъахочо эр ду: «Кхузахь баьхна, кхузахь лиэтта, кхузахь шайн кортош охьадехкина шайн декхар сийлаллица кхочушдинчу бIе эзарнаш оьрсаша». Оцу хIолламна геннара суждане а оьхуш, некъахочунна тIаьххье йерриг Россино эр ду: «Даим а хастам хуьлда тхан хьехамчашна! Даим а хастам хуьлда оьрсийн лаьттан къоьнгашна, гIарабевллачарна. Паччахьан дош кхочушдарна, оьрсийн цIарна иэхь цадарна! Даим а бехийла Кавказски тIеман безам!»
ЦIен морса чохь лаьтта бокал схьа а эцна, цхьа къурд бина, шен легаш тIундира Соллогуба.
– Сайн къамел оцу дешнашца чекхдаьккхича а тарлора ас. Амма кху чуьра цхьацца накъосташкара хезначу цхьацца хабарша кхин а дийцарна тIетоьтту со. Цхьаццамма олуш хезира суна, кавказски тIом чекхбаьлла, хIара суьйренаш кхидIа гулйан оьшурий-те бохург. Царна хетарехь, тховса вай тIаьххьара а дIадоха дезара, уггар дукхавеза, тешаме, зиэвелла доттагI лаьттах а воьллина, гIийла дIасакъаьста нах санна. ХIан-хIа, хьомсара государаш, оцу ойланашна дуьхьал аз цаайъар зуламалла хета суна. Кавказски тIом чекхбаьлла. Амма чекх ца даьлла вайн декхар. Вай, кавказски крестоносцаш, дIасадоха ца деза, мелхо а, ваьштатаIа деза, керлачу походе, кавказски лаьмнаш кхетамца карадерзо. Хьанна ца хаьа вайх Азин тIаьхьабисина синкхетам, Азин даьIнаш Россин лоьралле, Россин серлоне хьоьжуш хилар? Керста дино ваьшна йелла серло малхбалехьа йаржо йеза вай. Оцу сийлахьчу декхарна хьалха, тIехиндолчунна хьалха, дIаса а девдда, тхо кхин кавказцаш дац, эр ду-те вай? ХIан-хIа, и хила йиш йац! Вай маьI-маьIIе некъашкахула дIасадаьржина, амма, шарахь цкъа мукъана а вешан «доьзалехь» цхьаьна а кхетта, Кавказехь дан дезачу керлачу гIуллакхашна ваьш тешаме хиларна, кавказски жIаран весеташ ваьш сийлаллица кхочушдеш хиларна тоьшалла дан деза вай.
Цундела, хьомсара государаш, хьомсара государынаш, пурба ло суна, сайн къамел балхамашца ца дерзош, ткъа хастамечу дашца чекхдаккха. Пурба луо суна xIapa кад вайн къарцалург къарвинчу, бодане верг серлаваьккхинчу, вайн хьоме даймохк сийлалле кхачийначу, вайн бартана, вайн майраллина, вайн йаккхийчу ойланашна, декхарна, муьтIахьаллина тIера айъа. Вайна йезачу, даим а дагахь лаьттачу, ваьш миччахьахула лелахь а, цуьнан законашний, тIехиндолчунний гIуллакх дан вай кийча долчу, генарчу, амма дагна гергарчу, цкъа а вайна йицлур йоцчу Кавказо зазадоккхийла, иза могаш йехийла! Декъала хуьлда, бIеннаш шерашкахь хастам а хуьлда Кавказна!
Вовшахтоьхначу хрусталан зов дийкира.
«Дела, паччахь Iалашвелахь!» имперски гимн йолийра оркестро. Цунна тIаьххье деха къамелаш, тIаккха хелхарш а доладелира…
Бакълоьра шен тIамарца дворянски йаздархо волу граф Соллогуб. Баккъал а безачу мехах иэцнера Кавказера машар. Нийса аьлча, империн помещикийн-буржуазин гIеранан хьолан, хьаштийн дуьхьа кхузткъа шеран дохалла Кавказан лаьмнийн тогIешкахь, чIажашкахь, аьрцнашкахь татолашца халкъан цIий Iенийра, цигахь шайн кортош охьадехкира салтийн чоэшца кечбинчу бIе эзарнаш оьрсийн крепостной ахархоша а, магIарчу ламанхоша а. Соллогуба шен хастаме дешнаш кхайкхочу оцу господашна цигахь машаре, маьрша дахар хилийтархьама, биначу лаьмнашкара дIа а баьхна, хийрачу Турце дIахьовсийра ах миллион ламанхой, бухахь бисинарш ши корта болчу аьрзунан мIарашна йукъакъевлира.
Цхьа ламанхой хилла ца Iара махкахбохурш а, бовлурш а.
БIешерийн дохалла шайн адамаллин бакъонашкахьа паччахьан Iедална дуьхьал нуьцкъалчу тулгIенашца гIуьттура оьрсийн ахархой, империна чоьхьара кхидолу халкъаш а. Амма хIоразза а уьш шайн цIела керчадора: тоьпаш йеттара, ирхъухкура, набахтешкахь а, Сибрехан каторгашкахь а къиза хьийзабора халкъийн уггар тоьлла кIентий. Шайн даймахкахь лаьттан коржам, сискалан йуьхк, садаIа маьрша xIуo а ца карадой, иза а, важа а лаха дуьне ма-дду хийрачу мехкашка дIаоьхура бIе эзарнаш оьрсийн, украинцийн, белорусийн, кхечу къаьмнийн а ахархой, белхалой. Царна тIаьхьа дIабаха аьтто боцурш йа даймахках къаста цалуурш, букъа тIехьа пIаьлдигаш тийсина, кара гIожмаш лаьцна, меца, ахдерзина бераш улло а даьхна, йоккхачу империн малхбалехьара а, къилбехьара а мехкаш гIаш дустуш лелара. Шайна тIаьхьа некъийн дохалла керлачу кешнийн кегий, даккхий баьрзнаш а, церан гIовланашкахь дечиган жIараш а йуьтуш.
Йоккха йу Росси, паргIате йу кхузахь олалла дечу классашна, амма гатте а, садукъаме а ду кхузахь хIокху империн ницкъ а, чIагIалла а шайн вортанаш тIехь латточу къинхьегаман халкъашна.