bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

II корта. Б

I

е цхьолгiа буьйса

Ма Iаьржа, ма къайле,

Мел хала бу хьо, некъ!

Настарийн садаьлла,

Со-м хьалха дIатекха.

Ас мичахь садаIа,

Со мича верза-те,

Беха некъ соцучохь

Соьга хIун хьоьжу-те?

О. Туманян. МухIажаран илли

1

1865-чу шеран август беттан цхьана буса хан йаьллачу хенахь Мурат-хин тогIица дIаболчу лекхачу лома хьалаваьлла исс стаг, некъаца бай баьлла меттиг а лехна, сецира.

Шаьш биначу лами тIехь айъина вохьу итталгIаниг меллаша лаьтта охьа а виллина, вовшашка бист ца хуьлуш, даккхий синош дохуш, охьа а хуьйшуш, дIахерцара уьш.

Кхоъ охьа а ца лахвелира.

Царах цхьаъ, лекхачу дегIара, шуьйра белшаш, йукъ-йукъа кIайн чоьш дийлина Iаьржа маж-мекх, йеха йекъана йуьхь, шуьйра лекха хьаж, боккха ала мегар долуш мара болу шовзткъа шаре гIоьрттина стаг, шен накъостий дIа а хирцина дIатийча, охьа а ца хууш, вист ца хуьлуш Мурат-хин тогIе а хьоьжуш, хIоьттина сецира, шолгIаниг йуьстаха варша велира.

– Охьа а ховший, садаIийша, Аьрзу. ХIинца цкъа катоьхча, дIакхочур ду вай, – вистхилира накъостех цхьаъ.

Амма Аьрзус жоп ца делира йа охьа а ца хиира. Охьа ца хоура Чора а.

Цкъа а воккхавер, ирс хIун ду ца хиъна, амма, куьзганна чохь санна, къегина къонахалла а, болатан чIагIо а шайна чохь гуш цаьршиннан кхоьлина бIаьргаш хин тогIи чу хьуьйсура.

Уьш ца хьуьйсура генайоццуш серлонаш къегаш йаьржина лаьттачу Муш-шахьаре а, йа цунна сехьа ламанан басех летта йохкучу туркойн, эрмалойн йарташка а, маьI-маьIIехь лаьмнашкахь даьржинчу курдойн четаршна хьалха йогучу цIерашка а. Ца хьуьйсура, схьа а оьцуш буйнахь дIасакхийсича санна, сийначу стигалахь даьржина лепачу седарчашка а, йа дехьарчу лома тIехула хIетта гучубаьлла, кIайчу мархаш йуккъехула паргIат некъ беш боьдучу батте а. Царна ца хезара генайоццуш варшахь мецачу чагIалкхийн цIийзаш летар а, дехьо гу тIехь шина берзан роггIана дуьхь-дуьхьал дера yгIap а.

Царна кхин, генара аз хезара. Хезара охьа тогIи чохь бIаьрго ма-лоццу дIа йолчу акъари тIехь цIераш йолчуьра гIийла аз. Цу чуьра лаккха хIаваэ хьалаоьхура оцу мехкан боцчу маттахь иллин аз. Цуьнан маттах ца кхетачунна а хуур дара иза хIумма а гIуллакх тоделла, дуьненах самукъадаьлла тесна иллин кIеж йоцийла. Мурат-хин къорачу гIовгIанах ийна, хIаваэхь дека и аз, дог Iовжош, лайн чимаш санна, шийла аьрцнаш тIе охьадоьлхура:

Ва Делан суьйре хьо, ма гIайгIане йеа хьо,

Ва Делан суьйре хьо, ма гIайгIане йеа хьо,

Масане да-нана доьзалах къастош йеа хьо,

Ма гIайгIане йеа хьо, Делан суьйре, хьо…

Денна хIаваэ хьийзачу оцу иллин мукъамо мерцина, дагийча санна хетара къилбан аьхкенан йовхоно чахчийна, дерзинадаьхна и лаьмнаш. Оцу дешнаша, гIийлачу мукъамо кхорзура цаьршиннан бохамаший, халонаший, шаьш дина мокхазан лаьмнаш санна, чIагIдина дегнаш. ТогIи чохь йерзинчу стигала кIел, аьхкенан бовхачу малхо боттуш, догIанаша Iуьйдуш, хан токхура паччахьаша Iехийна даймахках баьккхинчу нохчийн пхи эзар доьзало. Кхо бутт кхочуш боллура, шаьш биначу лаьмнех къаьстина, оцу хийрачу махкахь массеран а къинхетамах хаьдда, массара а дIатийсина уьш болу.

Ткъе бархI тоба а йина, гуонаха салтий, эпсарш хIиттийна, Нохчийчуьра гIаш кхуза схьабалийра уьш. Оцу ткъе бархI тобанах май беттан ткъе кхоалгIачу дийнахь Буру-гIалара дIа уггар хьалха Турце хьажийначу тобанца нисбеллера АьрзугIар. Оцу дийнахь Кавказан лекхачу арца тIера дIа даймахке тIаьххьара бIаьрг а тоьхна, тIаьххьара маршалла а делла, арцан къилбехьарчу aгIoнаx чубирзира уьш.

Доьхна, ирча де дара иза. Махках бовлучу божаршлахь цхьа а стаг вацара Нана-Даймехкан хьоме латта шен цIийца хьандаза. Вацара иттанаш шерашкахь халкъан маршонехьа латтийначу турпалчу къийсамехь шена тешаме хиларан билгалонан мухIар даймахко дегIа тIе тохаза стаг. Амма оцу дийнахь уьш, даймахкана, дайн кешнашна букъ тоьхна, къилбехьа Кавказан сиртал тIехьа бевлира.

Хьомечу лаьттах къаьстинехь а, дегнаш ца духуш хилира уьш. Керста динехь белахь а, шаьш санначу ламанхошна йуккъехула баьхкира уьш туркойн дозане кхаччалц. Амма июнь беттан вуьрхIитталгIачу дийнахь Хазапински заставехь шаьш туркойн салташка дIа а делла, оьрсий йухабирзича, гIеххьачул дуьне кхоьлира царна.

Хонкара… Цабевза хийра мохк, дуьххьара го къам, цадевза церан гIиллакхаш, мотт…

Кхузахь хийра дара дерриг а.

Иттанаш шерашкахь лаьттинчу тIамо талийна, бохийна, чIанабаьхначу кхалхийначара, шайн миска къелгаш ворданашна тIе а йоьттина, царна тIехула тIе берашший, къенанашший ховшийна, гIаш бира и гена шина беттан некъ. Сийна бошмаш, хьийкъина йалташ, сирла хиш долчу кхаьчча, хIинца мукъана а дIа ца кхаьчна-те олий, совца гIоьртура уьш. Амма туркойн Iедало мехкан кIорге дIалоьхкура, ткъа мича, хIунда кхарна ца хаьара. Эххар, кхин дIагIерта ницкъ ца тоьъна, Муш-шахьарна генадоццуш, Мурат-хин тогIехь, туп тоьхна севцира уьш.

ХIетахь дуьйна цигахь бара АьрзугIар. Ткъа тIаьхьайогIу тобанаш, кхарна тIекхаьчча, кхин дIабаха дуьхьало а йой, кхузахь совцура. Махках ваьккхинчу ткъе кхоъ эзар нохчочух берхIитта эзар оцу тогIехь вара, вукху пхеа эзармо а оццу хьолехь хан токхура Эрзерумна уллохь.

Кхузара меттах а довлий, малхбузехьа Диарбекиран виллаете дIагIо бохуш, денна туьпа хьийзара каймаканаш. Махках бевлла, гIелбелла, къийбелла, дарбелла нах нуьцкъала цигара дIабаха кхоьрура а хаацара, йа цIий Iано ца лаьара а хаацара, амма, мухха делахь а, дерриг а машаре дуьйцура цара. Бохура, Диарбекирна къилба-малхбузехьа нохчашна къастийна дика латта а, кийча хIусамаш а йу, цига дIагIо. Изза дара даймахкахь цаьрга дукха дийцинарг а. Ткъа меттигерчу эрмалоша дийцарехь, цигара латта хи доцуш, йерзина, йаьсса меттиг йара. БIешерийн дохаллехь цхьаьнггера а дикий, къинхетаммий ца хилла, массарех тешам байна нах, и мохк цкъа хьалха шайн бIаьрга ца гича, цига ца боьлхура. Оцу махке хьажа вахана вогIура и итт стаг. Цара дохьу долчу хабарх бозура махках баьккхинчу пхи эзар доьзалан кхоллам.

Амма некъахоша царна шийла кхаъ бохьура.

Эрмалоша ма-йийццара, йаьсса, йекъа аре карийра царна цигахь. Оцу аренан малхбале йистехь йаьржина Iуьллура Диарбекир. Генара хьаьжча а, гора цу гIалара тIехь хаддаза сема ха лаьтташ тIулган лекхачу, стаммийчу пенаший, горгачу бIаьвнаший гуобина, арахьахула эчиган чIорех дина зIараш диттина гаттий, кегий кораш долу Диарбекиран набахте.

Дуьйцура, туркойн Iедалан къизаллина дуьхьало йеш мел гIеттинарг, болатан буржалш тухий, цу чу кхуссу, тIаккха цо йерриг шен оьмар дуьненан серло ца гуш йоккху бохуш. Хьанна хаьара, оцу набахтина гергахьа лоьхкурий а цара нохчийн кIентий.

Кхузахь а ца каро йоллу-те цара иттанаш шерашкахь къийсамца лехна маршо а, синтеме а? Оцу хеттаршна тIехь ойла йора шина доттагIчо, ткъа жоп дала ца хаьара. Амма и шиъ тешна вара, Диарбекиран йаьссачу ара дахча, цигахь а, бIаьргашна хьалха Iуьллучу Мурат-хин тогIи чохь севцича, кхузахь а, – шиннахьа а, и махках ваьккхина ткъе кхоъ эзар стаг дIахуда сутара бага а гIаттийна, тIекхевдина лаьтташ къиза Iожалла хиларх.

Чекхболуш лаьттара аьхкенан тIаьххьара бутт. Ша тIехьаьжча мел долу хIума доттучу къилбен бовхачу малха кIел йовхоной, цамгарший хьоькхура адамаш. ТIамой, паччахьан эскарший талийна, берзинабаьккхинчу шайн даймахкара цара деана кIезиг рицкъа чекхдаьллера. Меттигерчу бахархошна уьш дIайелла бевлла цкъа кхаллал рицкъа дуьхьал лур долу шайн мискачу бахамера массо хIума.

ТIейогIуш йара йочане гуьйре, цунна тIаьххье – борз санна, буьрса шийла Iа. Ткъа оцу Iаламан ницкъаца къийса гIopа доцу ткъе кхоъ эзар са йерзинчу стигала кIел лаьттара.

Чорас доккха садаьккхира. Цунна хаьара, Аьрзус шега ца дийцахь а, шен дагахь цо цхьа сацам бинийла.

– ХIун де вай, Аьрзу? – хаьттира цо.

– ХIун дийр ду? Кхузахь Iаьнна кIел дахча а – лийр ду, Диарбекире, оцу йийнарг ца кхуьучу мецачу пана махка, дIадахча а – лийр ду вай.

– Миччахь делла а, далаза ма ца довлу вай. Ткъа хIун башхо йу Диарбекирехь делча а, кхузахь делча а?

– Башхалла-м йоккха йу, Чора. Нехан хийрачу махкахь мацалла вала йа сагIадоьхург хилла лела, йа лай хилла ваха ца Iенийна ас кху ткъа шарахь сайн дегIан цIий, – аьлла, цхьана минотана саца а сецна, тIаккха тIетуьйхира цо: – Со лийр ву, амма вала ма-веззара. Вайн халкъе хIара къемат-де хIоттийначех бекхам а оьцуш, къийсамехь лийр ву.

– Иза-м эрна хабар дара, Аьрзу. Суна хIинцца бен ца хиъна керста паччахьан мел ницкъ бу. Дикачу динахь дийнахь сарале цхьана маьIIера вукху маьIIе кхочура нохчийн махкана. Доза дац паччахьан мехкан, са йац цуьнан эскарийн. Ткъа вайн хIун йу? TIe куй тоьхна, схьалеццал доцчу вайга хIинццалц царна дуьхьал тIом латтабаларх цецвуьйлу со.

Аьрзу гIайгIане велавелира:

– Бакъду. Амма хIумма а йорах-м ца йели цунна вай вешан маршо. КIезиг ду вай, вешан ницкъаца мостагI иэшалур вац. ТIехула тIе, цкъа а вовшашлахь барт бац. Даим вовшашца ца тарлуш – хьаьгIнаш, мостагIаллаш!.. Амма кху тIаьххьарчу шина-кхаа батто дуккха а хIуманаш довзийти суна. ХIара кхидолу къаьмнаш йуххера девзичхьана, со йехха кхеттачу набарх ваьлча санна, хIинцалц сайна къайле хилла лаьттина дуьне довза доьлча санна, хетаделла суна. Хьажал хьо, Чора, дика хьоьгуш бу ткъа вайна гина гуьржий, кхузара туркой, эрмалой, курдой? Уьш баккхийбе ткъа шайн дахарх? Цхьа гуш боцчу Делан ницкъо таIийна кхобу уьш. Эзарнах итт хьалдолуш ву, бисинарш царна беца. Маккхала ма-аллара, берриг оьрсий а ма бац вайгарчу Iазапна бехке. Доцца аьлча, Iаьржа къайле йу xIapa дуьне.

– Делан къайле йу ала, Аьрзу. Азаллехь вай кхуллуш Дала ваьшна хьаькхначу сиза тIехула бен дIагIойла дац вайн.

– Иштта ала-м, дера, олу. ДIа ойла йича, дерриг шеконе долу-кх. Ткъа хIунда ца йелла Цо Ша синош кхуллуш адамашна нийсо? ХIунда йац вайна кху ворхI стигланаш кIел охьаховша меттиг? Даймахкахь а вай хьийзий, махках девлла кхузахь а, мозий санна, леш кхачалуш лаьтта. Цхьанне а новкъа ца гIерташ, вешан лаьмнашкахь машаре Iаш ма дара вай дуьне кхоьлличхьана, ткъа и маьрша дахар дохий-кха генарчу оьрсийн паччахьо. Мича бехкенна хьийзадо? ХIан-хIа, Чора, ахь дуьйцург дац xIapa.

 

Аьрзун къамел цхьанна хазарна кхоьруш, дIасахьожуш Iачу Чорас, аз лахдеш, мохь туьйхира:

– Иштта ма ала, Аьрзу. Со а Iесавоккху ахь. ОстогIпираллахI, субхьоналлахI, Дела, Хьо Цхьаъ ву, элча, хьо бакъ ву. Аш динчунна реза ду-кх тхо. Шайн эвлайааш тхуна орцах бахийша…

Чорас, къилбехьа а вирзина, ши куьг хьалха а лаьцна, дехха доIа дира, цкъа хьалха хозуьйтуш, йуха – шабаршца. Наггахь доккха са а доккхуш, цо аз стамдича хезара Нана-Нохчийчу, дай баьхначу махка йухадерзор Деле доьхуш, цо ден доIанаш. Амма Аьрзу цуьнан доIанах дIа ца кхийтира, амин аларан метта, цуьнга ла а доьгIуш, хин тогIин дехьа регIаца бIаьрг беттара.

Хьалха цуьнан ойла а, хьежар а оцу тогIи чохь йогучу цIераш тIехь хиллехь, хIинца иза регIан когашкахь Iуьллучу туркойн йуьрта тIехь сецира цIеххьана. Цхьана кIеззигчу йукъана цунна вицвелира тогIи чуьра берхIитта эзар нохчо, дицделира ша хьегна вуон а, хьалха лаьтта Iазап а, иэрчонаш а. Мухха делахь а, хIуманан бала боцуш, набаро йатийна Iуьллучу туркойн маьршачу йуьрто цунна карлайаьккхира шен къона хан, дуьххьарлера безам. Цигахь йу Эсет. Дийна вуй-техьа Гати? Амма йах ца йелира и хан дагалоьцуш цо йен мерза ойла. ДуьхьалхIитта дуьйлира цул хьалха а, тIаьхьа а, зIенан чIагарш санна, вовшех дозаделла бохамийн денош. Ирча гIан гуш набарха ваьллачу стагах тера цIеххьана хьалаиккхира иза. ХIетта шен доIанан тIаьхье йерзо гIерташ воллучу Чорин белша тIе куьг туьйхира цо:

– Вало, доттагI, болх Далла тIе а биллий. Iан йиш йац. Вай диканиг дохьуш кхачаре сатуьйсуш Iаш хир бу и пекъарш.

Шина доттагIчо, чехкка волавелла шайн накъосташна тIе а вахана, цомгашниг тIехь Iуьллу лами лаьттара хьалаайъира. Буьрсачу дахаро даим а кийча, сема хила Iамийна важа накъостий а, хIетта озийначу набарх а бевлла, шайга ца кхойкхуьйтуш, гIевттира.

Цомгашниг халла хезаш вистхилира.

– Хьуна хIун лаьа, ДанчIа? – хаьттира Аьрзус, цунна тIе а таьIна.

– Хи лойша, хи…

ТIевеанчу некъахойх цхьамма шен хаьн тIехь доьхкарх кхозучура схьадаьстинчу хи чуьрачу китан бертиг, цомгашчун корта ларбеш хьала а айъина, кийрара схьа йовхонан тов йетталучу цуьнан бете йаьхьира. Жимачу беро ненан некхан йуьхьиг санна, балдашца бертиг а лехна, са ца доIуш къурдаш деш, китан чож чудожийра цо. ТIаккха, корта дIахьовзорца, иза шен бетера дIа а даьккхина, гIийла узам а бина, дIатийра. Кхин вовшашка бист ца хуьлуш, тогIи чу охьабуьйлабелира некъахой.

Беттан серлоно къегадора церан эттIачу чоэш тIехула йукъах кхозу детица кхелина герзаш. Тата доцуш тIулган некъ хьоьшура ахберзинчу когаша. Хезара цомгашчо наггахь бен гIийла узам.

Уьш генабевлча, йуьззина хIоьттина тийналла йохийра, дукха хан йалале коьллашлара схьа а иккхина, дехьо сецначу шина чагIалкхо. Адамаш Iийначохь цхьа а воцийла хиъча, муцIар Iуьттуш лаьттах хьожа а йаьхна, стешха дIасахьоьжуш и меттиг а теллина, йуха, муцIарш ирхйерзийна, цкъа-шозза хьожа а баьккхина, некъахошна тIаьххье гIашлойн новкъа охьайолайелира и шиъ.

2

ЦIераш йогура хин тогIица йолчу нийсачу экъанна тIехь а, ирх раьгIнаш аьхначу боьранашкахь а.

Шаьш диначу, дехачу хIусамашкахь, йарташкахь цхьана дийнахь баьхча, шолгIачу дийнахь Iойла доцуш леллера и нах дуьззинчу ткъа шарахь. Ткъа масане хилира инзаре ирчаниг. Марта, йа Мичка, йа Яьсси хийн йистошкахь йуькъачу хьуьна йуккъехь, сийначу бошмаша тIе тхов а лаьцна тахана жима йурт лаьттинчохь кхана кхин сурт хIуттура. ТIеман цIаро дагийначу цIенойн пенаш, кхарзаделла, цIийделла, кIуьро Iарждина, товханан кхерчах тарлой дIахIуьттура. Са дIадала ца лууш дахарехьа къуьйсуш санна, масех дийнахь ирахь догуш лаьттара стоьмийн дитташ.

Оцу халачу шераша дагахь йоцу говзалла Iамийначу зударший, бераший цхьана ханна шайн кхерч хIоттабора декъазчу шайна къинхетаман тIам хиллачу йуькъачу хьаннашкахь. Амма дегнаш дIагIертара шаьш дина хIусамаш хиллачу, безарш лаьттах боьхкинчу оцу лаьттан кийсак тIе. Йукъах герз, карахь дагарш долуш божарий, гихь бераш, карахь поппаран карчолгаш йолуш зударий а сихлора къинхетамза дохийна шайн баннаш йухаметтахIитто.

Иштта дIаихира и буьрса шераш. Цара Iамийначу наха кхузахь а, туркойн хийрачу стигала кIел, сихалха хIиттийра и чолхе йоцу хIусамаш.

Буьйса тIаьхьайахана хан йелахь а, адам дижаза дара. ГIийла йогучу цIерашна гуонаха хIоз бина хевшина адамаш гора. Йеха кIайн мажош йолу баккхий нах, замано дукха белхорна хьела эгначу гIайгIанечу бIаьргашца, баланаша деттинчу дегнаша хебийначу беснешца зударий, дегIан даьIахкаш тIе а йевлла, севсинчу сийначу гайшца, дуьне девзичхьана ирсан де ганза декъаза бераш а.

Туьпа тIекхоччушехь лаьтта ворданах йина хIусам. Цунна хьалха йаржийначу истанган бIегIаг тIехь дIатаьIна Iа къоьжа Жонса. Карахь хьийзош ду цо ша дина шога суьлхьанаш. ТIетаIийна тиллинчу месалчу куйна кIелхула хьуьйсу бIаьргаш цхьана хIуманна тIебогIабелла севцца. Ворданан Iаьрчаш хьалаойъуш кIелхIоттийначу гажарх оьхкина йу Iаьржа совра долчу батта чохь пийлан кIомсаран кIайн мукъ болу йоккха шаьлта, йеха гIирмин мажар, хаза кечйина тапча. ТIехула тIе тиша истанг, чорда палс, ткъа уьш кхачазчу хьардаш а туьйсуш, гуо къевлинчу оцу ворданна кIел гIара йайна Iа цуьнан шина кIентан йалх бер а, несарий а. Жонсин йоккха стаг кхелхина цхьа кIира хьалха. Ткъа ши кIант тIамехь воьжна-м дуккха а хан йу. Церан кешнаш Мичка хи йистехь цхьана гу тIехь лекха ши хIоллам коьртехь дисина. Цигахь дIабоьхкина дай, дендай. Кхин гур йац цунна Iаларой-Эвла, гур дац жима Мичка, сийна, йуькъа хьаннаш… ХIинца иза гена ву даймахкана. Цуьнан берриг бахам хIара ворда йу. Дуккха а дуьне девзинчу оцу вордано а догдиллина шена боьжна лелийначу шина тайшех. Къоьнгий мацалла ца балийта, царна бао цхьаъ жижигна бийна Жонсас, мазала хьаьжкIех важа туркошна боьхкина. ХIинца, кхин чкъург ца карча сецна, хIусаме йирзина кхуьнан ворда. Амма къена Жонса чIеIац. Къен ву, къена а ву, хIетте а цхьаъ вац. И хьалакхозу герзаш цуьнан тешаме доттагIий бу. Жонса ша къена велахь а, и герзаш муьтIахь ду цуьнан куьйгашна. Цахуьлучу далахь, уьш йукъах а дихкина, аравер ву иза…

Ткъа ламанан басенца лаьттах йаьккхинчу цхьана тоьли чохь тховса дезде ду. Пхеа беро цхьатерра сихдина дохучу нахарийн гIовгIа хеза цу чуьра бодашкара схьа. Берийн дас Мовлас оцу буса цхьанхьара лачкъийна мукх беана. ЦIестан йай чохь цхьа кад мукх а кхаьрзина, нанас хIоранна а цхьацца буй бекъна царна. Амма цхьа йалхалгIаниг дац меттахъхьовш а. Иза, цамгаро кIелхьарчийна, мотт сецна Iуьллу.

Изза хьал ду царна тIехьа, лакхахьо, кхечу тоьли чохь а. Оцу чохь хан токхуш бу ДанчIин доьзал. Лулахошна кIез-кIезиг мукх боькъуш, царна алсам белла Мовлас. Церан тоьли хьалха а йогу йай кIел цIе. Йай чу боккха дечиган Iайг а хьийзош, голаш тIе лахйелла Iа шовзткъа шо хенара зуда. ТIехьаьжна шен хенал йоккха хета иза. ЦIеран серло ловзу цуьнан мокхачу йуьхьа тIехь. Муьлхачу кIадех йина хаа хала ду тIелетийнчу бес-бесарчу йоманаша къарзйина цуьнан коч.

Лелхаш, йай чуьра аракхийсало мекхан буьртигаш схьа а лехьош, гуонаха хиъна Iа кIант а, йоI а. Болата шен карабеана буьртиг, ша ца кхоллуш, жимачу йише ло. Кхаьрзина цIийбелла мукх Iайгаца кеда а хьаькхна, кегош шелбинчул тIаьхьа берашна дIа а бекъна, биснарш шен буйна а эцна, берашка а хьоьжуш, сих ца луш мукх Iийша йолало зуда. Бераш дийшича а ца йуьжуш, алу кегош, йехха хуий Iа иза. Туьпахь дIасалелачу божаршна йуккъехь ДанчIа гучу ца волу-те, цуьнан аз ца хеза-те бохуш, бIаьрг бетташ, сема ладоьгIу цо. Мисканна, цунна хаац, иза, Iожалло кадетташ, накъосташа айъина валавойла. ЛадоьгIуш кIадйелла зуда, тоьли чу а йолий, берашна улло охьайуьжу…

Туьпан малхбале агIонца хи йистехь разйаьлла лаьтта серех йуьйцина, тIехула поппаран дуткъачу чкъураца хьаьхна бун. Цуьнан бертехь, ши гола мере а оьзна, сема наб йеш Iуьллу шийтта шо хенара кIант Соип. ТIегIертачу чуьркех ларйан, тIехула бецан хьардаш тийсина, дIакъевлина цо шен йерзина настарш. Халла го дех бисинчу бIегIаган боккхачу куйна кIел къайлайаьллачу йуьхьа тIера цуьнан буткъачу меран ира буьхьиг. Амма чуьркашна цуьнан озачу дегIа тIе доьлхуш кевнаш карадо эттIачу бедарех чекх. КIанта сих-сиха катуху цIий мала дегIа тIе хиъначу чуьркана. Цигара бедар цо ваьштаоьзча, кхечахьара дIаса а йоьдий, кхин а масех ков долу.

Чуьркаша бен са ца гатдахьара, хIун дара. Уьш-м, цIеран кIур бина, къахко а хала дацара. Амма къахко ницкъ боцуш кхин бала бу цуьнан жима кийра буьзна. Кхуза кхаьчначул тIаьхьа да а, шел жима ши йиша а делла цуьнан. Ткъа хIинца, Соипан гIоьнца бен кIегар ца хаалуш, буьнахь нана Iуьллу. Иза-м чу а вахана охьавуьжур вара хазахета а. Нанас наггахь дечу узарший, кхетамах йаьлла дечу башхачу къамелой, ткъа къаьсттина, садоIу а ца хезаш, цуьнан дIатерой наб кхета ца вуьту-кх. Соипехь шегахь а дацара дика хьал. Мацалла букъах летта чож, мел доккха садаккхарх, хьала ца севса. Ткъа оцу суьйранна цаваьллачу денна цо йиъначу татеша, хиэдо санна, хьийзадо йоьхьаш.

Луларчу туркойн йуьртарчу бошмашкара хилла, Iаьржачу буьртигашца лаьтта кхийдина кхозу кемсийн хорханаш, цIен Iежаш, можа хьорматаш дагайаьхкича, хIинца а цергех хи долу цунна. Ткъа мел дагна там беш а, догдохош а йара цхьаннан кертахь тандара чохь доттучу керлачу бепиган чоме хьожа! Уьш дерриг тахана гина, амма гучул цагар дуккха гIоли йу. Керта а вахана, йеха иэхь хетара Соипна. Нохчочунна иэхь ма ду сагIадехар. Ткъа хIан, xIapa бепиг, xIapa кемсаш хьайн нанна хьо аьлла, цхьа а гучу ца велира. Иштта такха деза-те тIедогIу денош а? Жима велахь а, Соипа ша-м сатухур дара, ткъа йала йижинчу мецачу нанна хIун дер хаац-кх…

Къаьхьачу ойланаша лаьцначу цунна хаа а ца ло, цициго санна, байн ког буьллуш, веана шена тIехIоьттина Болат. Цо муьшка йича, цIеххьана саметтавогIу Соип. Вист ца хуьлуш, цуьнан кара шен буй таIабо Болата. Шен карахь довха буьртигаш хаало Соипна.

– XIapa хIун йу? – хотту цо доттагIчуьнга.

– Мукх.

– Хьуна мичара баьлла?

– Мовлас беллера тхуна цхьа кад.

Бето куьг тIеийзадо Соипан. Гергахь ижу хаайелла чуьйраш, хьерайевлча санна, къиэкъа. Цергех теза хиш долало. Амма Соипа цхьа буьртиг а ца кхоллу.

– Баахьа, Соип.

Соип вист ца хуьлу. БIаьргех гIийла хиш леда. ЦIоцкъамаш дашадой, церан йуьхьигашна тIехь гуллой, тIадамашка а доьрзий, чуэгначу беснеш тIехула охьахьолху уьш. ХIаъ, дика доттагI ву цуьнан. Изий бен вац байлахь висинчу Соипах къахеташ, дог лозуш.

– Ахь хIунда ца боу? – хоьтту Болата. – Йа кIезиг хета хьуна? Сайна кхаьчначух ах беана ас…

Соипа шен озачу пхьаьрсашца маракъовлу доттагI.

– ХIан-хIа, Болат, – цуьнан йакъайелла белш шен ирачу некха тIе теIайо цо. – Хьайна битинехьара ахь… Нана йу чIогIа… Меца… Мацалло кIелйитина…

Иза-м, дера, Болатна а ма хаьа. Амма гIо дан ницкъ бац-кх. Вист ца хуьлуш вехха хиъна а Iийна, дIавахара Болат. Буьнан маьIIехула доттагIчун букъ къайла ма-беллинехь, хьала а гIеттина, мукх бадарна кхоьруш санна, буй къуьйлуш, буьн чу вахара Соип.

Буьнахь Iаьржа йара, бIаьрга Iоьттина пIелг гур боцуш. Ткъа Соипна бевза кху чуьра массо кIаг, бог а, тховх охкайелла чамхалгаш, гIаш а. Гуш санна хета ненан азйелла мокха йуьхь, буткъа мара, хьех чуэгна бIаьргаш, сирделла гиччош, дакъаделла балдаш. Цо садоIу а ца хезий, дог шелло кIентан.

– Нана…, – кхойкху иза меллаша.

– Ахь хIун бах, Соип? – халла хезаш йистхуьлу ЖовхIар.

Хазахетар тIехдаьлла, Соипан дог хьере тохало.

– Ас мукх беана хьуна, баахьа… Кхерзина бу.

Хьацаро тIунбина мукх шен буйнара ненан керайуккъе боьхкира цо.

– Ткъа ахь?

– Ас биъна, нана… цул а дукха…

Нанас буьртигаш Iуьйшу хезча, цергех хи доладелла Соип аравелира. Жимма Iийна чувеача, йуха а чохь тийналла карийра цунна.

– Йуьзин хьо, нана? – хаьттира цо.

– ХIаъ. Иштта йаа хIума йелахьара, толур йара со. Дависарг, кемсаш йелара, цхьа кан… Уьш дагайаьхкина суна…

…Туьпа йуккъехьо йогучу цIарна гуонаха къаьсттина дукха адам ду. Цунна гуонаха хиъна Iа ткъех сов стаг. ЦIеран серло тIекхетехь волчу иттех стеган бен йаххьаш къастац. Бисинарш бодаша къайлабаьхна.

Буьйса йовха йоллушехь, цIарна гуонаха гIерта нах. Цкъа-делахь, къечу стеган самукъе цIарца ду. Цо йохйо йерриг мискалла, йоькъу гIайгIане ойланаш. ЦIар тIе ши куьг лаьцна, хиъна Iа хьаьрса Къосам. Цуьнан мацах цкъа безамехь хилла йуьхь эрчайаьккхина ира герз тухуш бесни тIехь йинчу чевно. Беснин чкъор тIехебба, цхьаъ бен боцу аьрру бIаьрг, забарна санна, даим а къаьрзина лаьтта. Иза вистхила воьлча, бехха бегабо aгIo. Ткъа Мовлин чоин пхьош даьсса кхозу. Массеран тидам шена тIебахийтина цхьаъ дуьйцуш воллу горга йуьхь-марше, велавелла бен стагана дуьхьал ца хьожу Iаьржачу аматехь молла Маккхал. Шен накъостел ирс долуш ваьлла иза оцу буьрсачу тIамах. Цуьнан пIелгаш дIатедда аьтту куьг, цIеххьана хьаьжча, конжех тарло. Амма дагах йоккха чов йу Маккхалан а – тIамо да а, вежарий а баьхьна цуьнан.

 

ТIейуьйхина бедарш цхьатера йу массеран а. ЭттIа, тиша гIовталш, чоэш, чордачу машин хечеш, коьртахь кхакханан йа бIегIаган куйнаш, когахь йакъайелла лилхина неIармачаш. ХIораннан а голаш йуккъе лаьцна йа улло охьайиллина топ, йукъах шаьлтанаш, доьхкарех йоьхкина тапчанаш.

Йиталац иттанаш шерашкахь церан шайн бертаза чIагIйелла амал. Герз церан тешаме накъост ву. Изий бен, цхьа а валац декъазчу церан гIo дан, уьш харцонах ларбан. Шайн даймахкахь а ца хилла церан, герзах йукъ йаьстина, тIера сов бедар дIа а йаьккхина, охьабийша аьтто, ткъа xIapa нехан хийра мохк бу. Кхузахь тешам бац цхьана а куллах.

Хьанна хаьа, хIун хир?..

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru