Нагахь санна Турцис, Англис тхаьшна гIо ца дахь, нагахь санна дуьхьало йан кхиболу берриг гIирсаш а кхачийна, тхаьш кIелдисахь, тIаккха, тхешан цIенош, сал-пал а йагийна, зударий а, бераш а дайъина, тхешан лаьмнашка кIегар а дуьйлуш, тIаьххьарчу стагана тIехIитталц, лиэташ лийр ду тхо.
Шайх Мансур (Ушурма)
Iелина хиллачу бохаман дакъакхаьчна, гIелделча санна, кхоьлина, сингаттаме деара шолгIа де.
Гуобаьккхина массо хIума къайладоккхуш, даьржира, лаьттах хьаладуьйлуш санна, маьI-маьIIехь боьранашца, хица ийъало дуькъа тIуьна дохк. ХIаваэхь ловзуш, пелдуьйлуш, меллаша, тата доцуш лаьтта охьаоьгура аьхкенан духар тIаьххьара охьатосуш цIанлучу дитташ тIера мажделла гIаш. Лаьтта бухара санна, лаха чуьра, дахкара кIелхьара, цхьанхьа-м йуьртара схьахезара жIаьлеш леташ, Iуьйренна нIаьнеш кхойкхуш.
Iаламо шекдоцуш дIахьора шен раж. Оцу дахкарна кIелхьарчу йуьртахь а, дисинчу дерриг дуьненахь а Iуьйранна дIадолалуш ду дахар. Кху сохьта цхьаберш шайн хIусамашкахь ховха набарш йеш Iохку. Вуьш къинхьегаман денна кечлуш бу. Де долало, цхьаберш – биэлош, вуьш – белхош, кхозлагIниш – хьаналчу къинхьегамца шайна йа нахана бецаш, вукхара – уьш бацош, Iехош, талош, бойъуш…
Дахарехьа латто и буьрса къийсам буьйсанна цхьана йоццачу ханна дIатоь, ткъа Iуьйранна кхин а карзахе йухаболало.
Адам дуьнена даьлчахьана, хIор а де иштта тIедогIу, иштта дIа а доьду. Уьш хийцаделла, муха, маца догIур, Iелина хаац. Цунна цхьаъ хаьа – цхьаннан бохам кхечунан ирсан лами хилар.
Ломан басахь, тIехь лаьттал дукха хиллачу тIулгех цIандеш даьккхинчу цхьана жимачу ирзехь, къанделлачу бIара кIел сийсара буьйса йоккхуш севцира уьш.
Селхана малх чубузучу хенахь кхетамчуьра ваьллачу Аьрзуна йуххе а хиъна, сахуьлунга даьлла Iелий, Эсеттий. Стомма чкъор деш йаржийначу хьардаш тIе виллинчу Аьрзуна кIел тесна ду цуьнан чоа. Вешин чевнна хьерчош, этIийна Iелин коч. Асанаш йаьхна гIовталх а. Гуобаьккхина дIасакхийсина Iохку цIийша йуьзна тIелхигаш. Цаьршинна гуш, хезаш, хаалуш цхьа а хIума дац, веккъа цхьа Аьрзу воцург. Ткъа иза Iуьллу верриг цIий ихна, халла хаалуш садоьIуш. Оцу цхьана буьйсано буткъбина, чорха тIе лаьцча санна, ирбина Аьрзун мара. Кегий сурхаш тоьхна бета гуонаха. Детта цIий ду сирделла догIучу месалчу мекхаш тIехь. Эсета сихдинна хи хьоьккхушехь, дакъало лилхина балдаш.
Iелас маракъуьйлу вешин базбелла корта. Ши-кхо гIулч дехьахь, вертанна кIел, когаш гуш Iуьллу Чорин дакъа. Йоьхначу неIармачаш чуьра аракъиэда когийн Iаьржа, эттIа пIелгаш. Вертанна кIелхьара чевнех Iийдаделла цIий, жима Iам хIоттийна, детта. Селхана суьйранна садаьлла цуьнан. ДIаволла а ца кхиъна, буьйса тIехь йаьккхина.
«Аьрзу, дела йала хьан хьо везарг, къаста доллу-те вайша? – кийрахь йоьлхура Эсет. – ХIай, веза Дела, хьайн къинхетам бай, витахьа суна xIapa, тхойшиннан беран дуьхьа а…»
Куьрк санна, батталучу шен кийрара, цхьа башха хеталуш, кхагаран хьожа йогIура цунна. Ойланаш цкъа дIайаханчу хенан кIорге уьдура, йуха йехха таханенна тIехь соьцура, тIаккха кханенан сурт хIотто гIертара. Хаьдда иза доьзалх а, йиначу йуьртах а, даймахках а. Берриг бевза-безарех. Шена везачух а йолуш йоллу хIинца…
«Ванах, вала воллу-те Аьрзу?» – воьхна хьийзара Iела. Аьрзуна хиллачу луьрачу чевно са а даьхьна, селхана дуьйна дуьххьара къонахалло дIатесна, вешин корта шен кара а биллина Iара иза.
ТIейиллина бел, зIокберг, диг долуш, дечган лами айъина, тата доцуш тIевеара турко а, эрмало а. Лами охьа а хIоттийна, туркочо доIанна куьйгаш лецира, ткъа эрмалочо, шайн маттахь кадам беш, гIайгIане корта лестабора. ТIаккха шиммо а бартий, куьйга-эшарий къамел долийра.
– Велларг дIаволла гIo дийр ду оха, – цкъа Чорина, йуха охьа чу, белларш дIабухкучу гу тIе, пIелг хьажийра туркочо. – Оха тхайца гIирс беана оцу гIуллакхна.
– Ткъа шун дархо йуьрта, тхешан хIусаме, дIавуьгур ву, – цкъа Аьрзуна, йуха йуьртехьа пIелг хьажийра эрмалочо. ТIаккха, стигала пIелг хьажийна, тIетуьйхира: – ДогIа делха герга ду. Дохк долуш шийла йу. Дархо мегар вац арахь. Йуьртахь табиб карор ву.
ГIоьнна орцахбевлла, Iуьйрре дуьйна хаддаза кхуза оьхура гонахарчу йарташкара туркойн, эрмалойн, курдойн, гуьржийн ахархой.
Тахана, изза гIирс айъина, изза аьлла баьхкинарш хIорш пхоьалгIаниш бара. Чевнаш хилларш шайн йарташка дIакхоьхьура цара, ткъа байъинарш лаха чу гулбора. Уьш дIабохка кешнаш долийнера. Хьалха баьхкинчех ши турко МIаьчигах а, Къосамах а тоьхна, Чорина каш даккха хьовсийнера Iелас.
– Баркалла, совбол, Дела реза хуьлда шуна! – корта теIабора Iелас. – Тхан веллачунна каш доккхуш ду. Чов хилларг цкъа кхузахь вуьтур ву оха. Кхечаьрга хьовса шу. Дела реза хуьлда шуна! – нохчийн а, гIумкий а меттанаш иэдеш, цхьа таро йира цо.
Ши стаг, шаьшшиъ оьший хьажа йуха а схьакхетар ву аьлла, шайн лами а айъина, дIавахара.
Дахкарлахула лаха чуьра хьала, декъий гулдина охьадехкинчуьра, схьахезара орцахбевлла баьхкинчу меттигерчу зударийн тайп-тайпана меттанашкахь цIогIане маьхьарий:
– Вай, лми!
– Вай-мэ!
– Вай худаи!
– Вай, дада!
Цкъа узарш а долийна, тIаккха жимма Iийча, сийсара санна, харцлен вуьйлира Аьрзу. Маккхале, Берсега, Солтамурде, Iумме, Атабига, ШоIипе кхойкхура. ОьгIазе дов дора Мусина, Сайдуллина, Эмин-пашина. ДоьIучу сица кийрара схьа тов детталора.
Дедаьллачу хенахь, цIеххьана дагар а сецна, садаIар а тоделла, ши бIаьрг беллабелира Аьрзун. Iелега а хьаьжна, хи дийхира цо. Iелас жимачу кита чохь бете даьхьна хи лаххьийна дIа а мелла, доккха са а даьккхина, хиллачух бакъдерг шега дийцаре догдохуш санна, хIиттина бIаьргаш вешина тIе а боьгIна, сецира иза. Амма Iелас жоп ца лора. Мелхо а, иза кхоьрура, кхетаме веана, самаваьллачу Аьрзуна селханлерчу дийнан эрчо хаарна. Кхоьрура, цунна шен нийсархо, лулахо, бераллехь дуьйна шеца ирс, хало а йоькъуш схьавеана бIаьхаллин доттагI – велла Iуьллу Чора – гарна. Амма и ца хууш дуьсийла йацара. Делахь а, хилларг ца хууш дIайоьду xIop a минот Аьрзун могашаллина пайдехь хетара цунна.
– Чора… дIаваха? – хаьттира цо эххар а.
Iела воьхна хьаьвзира.
– Иза суна хууш ма ду, Iела. Чора дийна вац, боху сан даго… ДIаволлаза ву иза? Даим санна, иза сайна йуххехь хета-кх…
Iела вист ца хилира, ткъа Эсет йелха хIоьттира.
– Сох хIун лачкъо гIерта хьо, Iела? Со вохарна кхоьру хьо? Вайна ганза… вай Iовшаза хIума ма ца дисна… Дуьне доладелчахьана адамашна гина, дуьне доххалц царна ган бисина берриг баланаш, бохамаш, иэрчонаш… вайна гина, вайн шерашца дIаихна… Вай цецдаха, вай стогаллех дохо хIума хир ду ца моьтту суна… къемата адам махьшаре лоьхкучу дийнахь а… Къонахаллех, собарх ма вохалахь, Iела, сайн ницкъ тоахь, хьоьга дан весет ду сан. Чора… дIавоьллиний аш? – шолгIа а хаьттира цо.
Легашка гIерта шад а сецош, корта ластийра Iелас.
– Оцу мисканех хIун хили?
– Хьанах? – ца кхийтира Iела.
– Нахах. Вайн накъостех…
КIелхьарвала кхин некъ ца хилча, дIаса а ца хьийзош, ма-дарра дIадийцира Iелас.
– Туркойн эскарша, тIе йаккхий тоьпаш тоьхна, йухабаьхна. Цхьаберш хьаннашца баржийна, дукхахберш, лиэцна, гуонаха ха а хIоттийна, кIегарбигна. Баьржинарш лоьхуш, маьркIажан бода боллалц xIapa хьаннаш къажйира цара.
Аьрзун кийрара узам белира.
– И хиларна кхийрира со… ХIетте а, теша ца лиира. Мухха делахь а… вайца цхьана динехь болчу бусалбанаша xIapa дийр дац моьттура… Доцца аьлча… нахана луург дина… хьалхавелира-кх… Кхузахь Iаьна кIел баханехь а… лийр бара… Байъинарш дукха буй?
– Хаац, мел бу. Дикка-м бу уьш. Зударий, бераш, къенаниш. Чевнаш хилларш бу дуккха а.
– Царах… хIун деш ду?
– ГондIа йарташкара орца деана тахана. Туркой, гуьржий, курдой, эрмалой. Чевнаш хилларш йарташка дIакхоьхьу цара. Байъинарш дIабухкуш гIo до.
– Дела реза хуьлда царна… цIахь а, арахь а… Мичча махка вахча а, ша санна, гIийланиг… ваша караво-кх стагана… Цхьана къомах хьовха, цхьана нанас вина велахь а… хьалдерг накъост вац гIийлачун… Мисканаш, шаьш санна… мискачарна, гIийлачарна… орцахбевлла-кх… Дала дуьненахь а, эхартахь а… декъалбойла уьш. Вайн беллачарна Дала гечдойла, эхарт мукъана а… декъала дойла церан… Iела, цуьнга хьажийтахьа со… Кху харц дуьненара дIавалале, цуьнга доггах цкъа бIаьрг тоха ас…
– Ахь хьаьнга хьажийта боху, Аьрзу? – тIе охьатаьIира Iела.
– Чорега…
Шена гIоьнна МIаьчиггий, Къосаммий вало вахара Iела.
– Эсет, йоха-м… ца йоьхна хьо? – велавала гIоьртира Аьрзу. – Дукха сиха… чекхдели… вайшиннан ирс… ХIумма а дац… Цкъа нислург хир хьан ирс а… Даим хьо… йоьлхуш а… хир даций xIaра-м.
Эсетан бIаьргех мела хиш хьаьлхира.
– Хьуна-м хIумма а хир даций, Аьрзу… Вайшиннан беран дуьхьа а, Дала вахор вай хьо-м…
Аьрзус шен корта хьалаайъира.
– ХIун? Ахь баккъал…
БIаьрхишна йуккъехула йелакъежна, Аьрзуна тIе охьа а таьIна, цуьнан догучу балдашна барт белира Эсета.
– Ши кIира а тIехдаьлла… Цуьнан дуьхьа ца Iийнехь, со-м, селхана оцу туркойн тарраш кIел а иккхина, лийр йарий…
Аьрзус, ши бIаьрг хьаббина, доккха садаьккхира:
– ОххIай… ХIинца… хала дац-кх… вала…
Схьабаьхкинчу КъосамгIара, ларвеш охьа а хаийна, доттагIчуьнга хьажийтира иза.
– ВаллахI, хьол дика а хилла… кIант-м ца ваха Далла дуьхьал… Вуьшта, Iожалла… декъаза хили-кх… вайшиннан… Ткъех шо дара… цо вайшиннах кадетта, иза иэшош вайша схьаоьху. Амма хIинца атта схьалеци, уггар вайшиннан гIаддайна сахьт а лехна… ТIеман арахь эзарза шена дуьхьалваьлча гIорасиз хиллачу цо хIокху зударийн Iожалле вилли-кх вайша… Дала гечдойла хьуна… Къаьстина дукха Iийр вац вайша… новкъа цхьаьна вала а мега…
Шаьш иза хьалхалеррачу дIанисвича, дукхахдерг воьхна хьийзачу Iелина а долуш, Аьрзун ойла айъа гIоьртира МIаьчиг.
– Иштта ма ала, Аьрзу. Делан къинхетам боккха бу. Сан дегIа тIехь ши пIелг биллал меттиг йац муо боцуш. ХIетте а, ца леш, xIapa «дика» хьега висина. Хьо а толур ву. Ахь иштта аьлча, Iелин а, Эсетан а бIо ма буху. Церан дегнаш ма дохаде.
– Дуьненахь Iелин ваша дуьххьара леш вац… И хаа деза цунна, – зуьйш вешега хьаьжира Аьрзу.
– Хьуна хIума хила йиш йац. Iелина жимма аьрхо хета иштта. Цхьа вуьсу ша бохург дагатосу. Хьо-м талур вай.
Халла хаалуш, гIийла велакъежира Аьрзу.
– ЭххIей, МIаьчиг, ма даккхий хIуманаш дац, моьттехьа, хIорш… Вай маца кхийрина Iожаллех? Бакъду, шена везарг вала ца лаьа… Эццахь дуьне даьсса хетало… Амма дан гIo дац. Вайн дай-наной а белла, вай а лийр ду… Дерриг йиша-ваша цхьана дийнахь ца ле, цхьаъ массарал тIаьхьавуьсу… Царах уггар декъазниг. Хьой, Къосаммий санна. Церан Iожаллин къахьо Iовша… И декъазниг хила воллу хьо, Iела. Амма хьо ма вохалахь… Вайн доха йиш йац… Хало, бохам тIебеача, бухуш хиллехь… нохчий тоххара, хIаллакьхилла, кхачийна хир бара… ХIинца соьга дика ладогIалахь, Iела…
Цхьа хан йаллалц вист ца хуьлуш, ши бIаьрг хьаббина сецира Аьрзу.
– Iела, цIахь висина хьан ши кIант ца вагарвича, сол тIаьхьа вайн цIийнах стаг ца вуьсу, хьо воцург… ХIумма а стаг хьаьгар воцуш, декъаза кхаж баьлла хьан… Йерриг дегайовхо Iумарх а, Iусманах а йу… Цаьршиннах вайн цIийнан тIаьхье хиларе, сайл тIаьхьавуьсу хьо цаьршиннах Iехаваларе догдоху… Делахь а, хIун гур хаац. Амма, хIуъу а хьайна тIедарах, собарх, къонахаллех ма вохалахь. Нагахь вохахь, кху къизачу дуьнено къинхетамза кIелхьарчор ву… Дайша вайна хьехначу оьздачу новкъа, цхьаннахьа а корта ца таIош, майрра гIулч йоккхуш, хьалха дIагIой, воссалахь коша. Ког шершаш, охьакхеташ меттигаш а йогIур йу… Хьо иэшна меттигаш а нислур йу. Амма воьжначохь Iилла ма сацалахь, тоьллачу мостагIчуьнга къинхетам ма бехалахь… Маршонах догдиллий, нехан лай хилий, ма вахалахь. МостагIашна йахь ца луш, верзалахь вайн дайшна, тхуна а дуьхьал… Хьо цIа верза, мухха верзий а. Жимма са ца даьIча… дийцалац соьга…
Къилбаседехьара схьахьаькхначу махо даржийра дохк. Ломан дехьа басахь гучудевлира курдойн четарш. Генадоцуш дежара церан жа. Тахана ца хезара жаIуьно шедагца лоькху башха йиш, вовшашка бетта маьхьарий. ЧIир кхобуш дIатийнера xIapa агIо. ЧIожаца кхалхадуьйлуш, кхерстара лаха охьа чохь упханашна дечигаш хедош деттачу дагарийн татанаш. Аьрзу, дегIе ницкъ гулбеш, вистхила хьевелча, xIapa шех ийзало-те аьлла хетта, хьалагIеттира Къосам.
– Вало, МIаьчиг, гIой, катоха вайша.
Амма Аьрзус сацийра иза.
– Къосам, дIаса ма ваьллахь… ас кхидIа эриг шу кхаанга хир ду… – охьахаийра иза Аьрзус. – Вайн дендайша болийна бIе шарахь бахбелла тIом вай къандеш чекхбелира… Нийса аьлча, иза хIинца а чекх ца баьлла. Къийсам бахлур бу. Иза чекхбер бац, вайгара махкаца цхьаьна ша дIайаьккхина маршо оьрсийн паччахьо йухайерзайаллац… Цо соьга дика ойла йайтина вай хIинццалц схьабинчу некъан… Суна хетарехь, оцу новкъа вай бIаьрзе даьхкина… Оцу бехачу тIамо ваьшна бина ницкъаш, бохамаш, ваьшка хьегийтина баланаш, халонаш ерриг а керстанех окхура вай… Уггар хьалха оьрсийн къам бехке дора… Вайн молланаша вайна хьоьхура, и тIом бусалбанашний, керстанашний йуккъехь бу бохуш… Вайга гIазоте кхойкхура… Вай ваьш а олура, гIазотана гIевттина… Амма иза харц дара… Цхьанне а ца лаьара, гIазотехь а велла йалсамане ваха… Цул, шен тхов кIел, шен йиша-ваша тIе а хьийзаш, Делан цамгарх воьжна, Iожалла тIеэца лаьара хIоранна а… Амма оьрсийн паччахьо вайна тIе салтий лоьхкура… вай, вешан синош, доьзалш, даймохк ларбан гIерташ, лиэтара…
Аьрзус къамел деш, чIенга кIел буй а гIортийна, леррина ладоьгIуш Iийна Къосам, иза цхьана йукъана садаIа соцунгIа хилча, вистхилира:
– Деллахьа, ма бакълоь хьо, Аьрзу. Ма нийса ду-кх ахь бохург. ГIазот даккха воьду ша аьлла, керстанан махка а вахана, царах летта велла нохчо суна-м ца хаавелла. ГIазот! Хьанна оьшура иза? Хьанна дагадогIура иза? И керстанаш вайн махка ца гIиртинехь, ца хинболу тIом бара вай бинарг. Да-нана а, кхоъ ваша а, кхиъна вогIуш кIант а хилла сан. ХIинца цхьа а вац царах. ТIамехь байъина берриш а. Баклан-инарлин дошлоша йуьртах цIе тесначу дийнахь цIеношца йаьгна тхайн къена нана йицлац суна… Да хьалххе вийнера. Веа вешех со цхьаъ висинера… Орцахбевллачу наха, чуьра арайала а ца тигна, йоккха стаг йитина даьхки шаьш аьлча, мостагIех сийсош йогучу йуьрта иккхира со. ХIетта чукхерстинчу цIаро йукъахьарчийна, цIенкъахь Iуьллура нана. Катоьхна схьаэцна иза мара а къевлина, со араиккхича, мохехь кхин а марсайелира цунах летта цIе. И йайъа гIерташ, воьхна хьийза со тIекхаьчначу шина гIалгIазкхичо йукъавоьллира. «Къосам, нана йаларг, со а йитий, кIелхьарвала хьажа!» – мохь оьхура ненан. Тапча тоьхна шиннах цхьаъ а вожийна, дIахьаьжначу суна иза йаьгна йаьлла гира. Сан дог дагийначу минотах пайдаоьцуш, мостагIчо тур тоьхна охьайахийтира сан xIapa бесни. Цо ластийначу туьрах сан корта ларбира ас каде дуьхьалтесначу тоьпо. ШозлагIа а тоха дагахь цо тур айъича, цхьамма бешара схьатоьхна вожийра иза. Со йуьрта вахана аьлла хезна, тIаьхьавеанчу сан кIанта, вуьрхIитта шо долчу Лечас, тоьхнера цунна. Тхойша йуьртах волуш Леча а вийра. Цхьаъ бен воцу кIант, со кIелхьара а воккхуш, ша вуьйжира. Иштта хилла чов йу xIapa сан йуьхь иэрчайаьккхинарг. Цунах куьг масазза хьаькхи, карладуьйлу и де. ХIетахь, Iела, цхьа висира со. Аьрзус аьллачунна бохий ас-м. ГIазот даккха хьаьддера со йогучу йуьрта, мостагIашна йукъа? ХIан-хIа, вина нана кIелхьарйаккха вахара. ГIазот даккха веанера сан Леча йуьрта? ХIан-хIа, иза шен дена орцахваьллера. ОххIай, ма гIазот дага ца догIура суна цу дийнахь! Ма дицделира суна дуьне, эхарт, дерриг а. Суна гург, сан дагахь дерг сайн доьзал, сайн хIусам, сайн йурт мостагIех ларйар дара. Эзар шарахь тхаьш дахарх, эзар йалсамани тхаьшна лург хилча, сан дай, кхоъ ваший, сан кIанттий – тхо гIyp ма дацара керстанан махка гIазот даккха. Иза-м дийца а ца оьшура. Бехк ма биллалахь, Аьрзу, ахь садоIIушехь, цхьа-ши дош ала воларх вахвели со.
– Баркалла, Къосам… Суна ала луург, амма ала суна ницкъ цатоьург дерриг эли ахь… Берриш керстанаш вешан мостагIий бу, бусалбанаш доттагIий бу моьттура вайна. Шина a aгIop галдевлла хилла… Селханлера де дукха тера дара дIадаханчу Iай Шелахь, Сту бийначу арахь… вайна тIехIоьттинчух… ХIетахь карахь герз доцуш шайна тIебогIучу вайнахана йаккхий тоьпаш йиттира паччахьан эскаро… Оцу салташца цхьа оьрсий… цхьа керстанаш хилла ца Iара… Инарлина Тумановна йуххехIиттина бара, цуьнан багах даьлла омра сиха кхочушдан кийча, нохчийн эпсарш: Къурмин Къосам, ВахIабан Iоду, Чермин Орца, Мустапан Махьмуд, Мустапан Девлатмирза, кхиберш а, молланаш а цхьаьна. Селхана вайна йаккхий тоьпаш йиттинарш а бу бусалбанаш. Дерриг Маккхала бохучунна тIедогIу… Адамалла, къинхетам боцурш массо динехь a, xIop a къомехь а нисло… Дин, къам олу вай, амма дерриг цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ду… Вайга гIоьрттуш Iазапехь, балехь, халонаш Iуьйшуш бу и… вайна гина оьрсий, гуьржий, эрмалой, туркой, гIажарий, курдой… Тайп-тайпанчу къаьмнех, динехь бу уьш… амма кхоллам цхьаъ бу. Тахана дуьненахь, кхана эхартахь а вайх къасталур боцуш, цхьа мисканаш бу… Цунна тоьшалла ду селханлерий, таханлерий ши де. Туркойн инарлаша вайна йаккхий тоьпаш йеттийти, ткъа тахана кху гондIара бусалба а, керста а, вай санна, гIийла нах… вайна орцах баьхки. ГIийланиг, мисканиг… иза мичча къомах велахь а… вайн цигахь а ваша вара вайна, кхузахь а уьш карий… вайна орцахбовлуш… Цундела суна нийса ца хета, вайгарчу бохамна муьлхха а цхьа къам дийнна схьалаьцна бехкедар… Маккхала олура, xIapa дерриг зулам, харцо, дIовш цхьанхьара, цхьакIеззигчу нахера схьадолуш ду… Мухха дерзий а, цIа дерза шу… Хьанна хаьа… Маккхала буьйцу… и оьрсийн, гуьржийн… къен муьжгий вайгахьа бовла а мега… Амма, Iела, сан ваша, сан тIeмало, хьуна пурба дац вайгарчу бохамна бехкечех… гIийлачийн мостагIех бекхам ца оьцуш, кхоа а велла… суна дуьхьал эхарта ван. Маршо йа Iожалла… Шиннах цхьаъ… Изза весет делахь хьайн тIаьхьене а… Кхин дIадийца… ницкъ бац, кIентий… Iела… сан настарш шелло… Даг тIе хьалагIерта шело… Хуьлуш дерг-м хаьара суна… амма хьо чIагIлолахь… Кхул доьхна денош дукха догIур ду… хьуна… Чора а, со а цхьана коша виллалаш… Цуьнан доьзалан… дола делахь… Сан чоин бустам чохь… вайн Гати-Юьртара… латта ду… Иза сан… бесни кIел додалаш… Маккхале… Берсега а ала…
Аьрзу, цIеххьана луьйчуьра а сецна, цхьана чIогIачу лазаро ов тоьхча санна, дегI дулуш, йуьхь а чIачкъийна, къаьрззина Iелега а хьаьжна, малвелла, дIатийра…
– Аьрзу? – дош даккха гIерташ, цуьнан базбеллачу коьртах куьг хьоькхура Iелас. – Аьрзу!..
Ша хIун леладо а ца хууш, вешина тIетийсало Iела меллаша дIа а теттина, Аьрзун меженаш нисйира МIаьчига.
Iадийначу акхарочух Iаннашца кхерстира Эсетан йелхаран къора мохь. Цуьнга терра тийжаш хетара мелачу махо техкайо, мажлуш, йерзина йуьйлу хьун. ТIекхозайелла Iаьржа стигал бIаьрмециг йелха йуьйлира.
«Лечунна йеса деша молла а вац. Къен леш ду тхо… – ойла йора МIаьчига. – ГIазотехь веллачунна моллас деша а, лийчо а, марчо хьарчо а ца оьшу, Мункира а, Некира а кошахь цуьнга барт хоттур бац, йалсаманин неIарш цунна йиллина хир йу, хIурлаIан мехкарий цуьнга хьуьйсуш хир бу, олу Iеламнаха. Дийна вуьсучу гергарчун догъэца хаза дешнаш ду уьш. ТIамехь денна лечу царна деша молланаш, хьерчо марчонаш мичахь лаьтта! Тхан-м къанделла божабераш а лелара дерзина, иэхье меттигаш дIахьулйан йома а йоцуш. Амма керстанан карах воьжнарг бен гIазот хуьлий-техьа? – цунах шеквара МIаьчиг. Цхьаммо а цунна жоп луш ца хезнера. ХIорш бусалбанаша ма байъина. Дуккха а ойла йиначул тIаьхьа, МIаьчига эххар а сацийра, адамаш дойъурш, уьш муьлххачу къомах белахь а, берриш а Делан мостагIий бу аьлла. – ХIун башхо йу царна йуккъехь? Башхо-м йоккха йу! Масала, оьрсийн салти, паччахьо нуьцкъаха валийна, цаваьллачу денна лета нохчех. Хазахета ца лелара иза-м. Ткъа цаьргахьа бевлла, шен къоман, динан вежарийн цIий Iенош лелла йамартхой – нохчийн эпсарш? И йамарт жIаьлеш дайъинарг хир ву гIазот! Ткъа хIун хийцам бу керстанийн а, бусалбанийн а эскаршна йуккъехь? Цхьа герз ду-кх цара тхуна деттарг. Шиннахьарчара а Iенадо тхан цIий. Къизаллица вовшел тола гIepта ший а Iедал. ХIан-хIа, кхузахь белларш гIазот бу. ТIехула тIе, шайн махкана генахь а белла хIорш. Иза дилла догIу цхьана йоле».
Кхузахь байъинарш ша гIазот леринехь а, зиэне хир дац-кх аьлла, Аьрзун коьрте а хилла, шабаршца шена хуу масех айат деша вуьйлира МIаьчиг. Ткъа тIамо верина декъаза Къосам, тIе моьнаш хIиттина, сенаш мехаца тIеттIаийзийча санна, хеббачу йуьхьа тIера къаьрзинчу шен цхьаъ бен боцчу бIаьргара шиннан метта комаьрша хиш а Iенош, озий белшаш йегош, кийрахь воьлхура.
БIарзвелла хьийзачу Iелас цунна карладаьккхинера иштта, и санна, ша цхьа висина де…
Эсетан тийжар, тIаьхь-тIаьхьа йиш хелаш, йелхаре а дирзина, эххар а, аз дайна, сецира. Дуккха а хенахь дуьйна башаза вешин къоьжа корта шен некха тIе а таIийна, горгам хилла хебна Iара Iела а. ТIаккха, шен коьртара схьабаьккхина куй гIевланга а буьллуш, Аьрзун корта, меллаша, ларбеш, оцу тIе охьа а биллина, цуьнан бIаьргашка а хьаьжна, беснеш тIе дайн куьг а хьаькхна, хьалагIеттира. Вехха лаьттира иза, чу цIий хIоьттина, кхохкийна, хьела бахана шен гIайгIане ши бIаьрг вешин йуьхьа тIе а боьгIна. Аьрзу дIакхелхинчу оцу цхьана сахьто, тIе кIац йиллича санна, къежбира цуьнан корта. Массо чо ирахIоьттинера. Кан санна, хьирчина дара маж, корта а.
«ХIун до ас дуьненахь ваьхна? – уьйриг хилла ойланаш, хеттарш, жоьпаш хьийзара цуьнан коьрте. – Айса-сайна а тоьхна, лийр вара, амма иштта валарал доккха къа ма ца дуьйцу. Иштта веллачун эхарте даха дог хилийтац. Ийманах ваьллачой бен лелор дац ишттаниг. Къа. Ийман. Мичахь ду и шиъ? Харцой, бакъой, хьарам, хьанала, тешам, йамартло хоьржуш, мила лела кху дуьненахь! Ас хIинццалц лайна баланаш тоьур ма бу хIинца ас латочу къих хьалхавала. Суна ма ца оьшу Аьрзух ваьлла дуу дуьне. Дуу дуьне? Хьоьшу латта, хьоьгу Iазап! Амма, муха вала веза? ДIогара лекхачу тарха тIера чу а иккхина…»
Iела дуьххьалдIа тарха тIе волавелира. КIаг чу ког нислой, охьакхеташ, тIаккха гIоттуш, кIохцалан кулла тIе Iотталой, йухаоьккхуш, тарха тIе боьгIначуьра ши бIаьрг дIа ца боккхуш, хьалхахьа дIаоьхура иза. Ши накъост а Iара, иза стенга воьду, цо хIун леладо ца хууш, хатта там ца хеташ, тIаьхьахьоьжуш. Амма эзар шарахь ойла йарх цаьршинна хуур дацара Iелас дагалаьцнарг. БIе, ши бIе шо долура нохчашна йуккъехь стага ша-шен виэр ца хуьлуш. Ша-шен виэр стеган осалалла, кIиллолла, оьздавацар лорура цара массо хенахь. Цул доккха иэхь дацара, доьзална хьовха, тайпанна, йуьртана а тIедан. Мацах, цхьана хенахь, шун цхьамма ша-шен вийна хиллера бохуш, тIаьхьарчу тIаьхьенна а тIехбеттамаш бора.
Iела ломан басах хьалавоьдура. ДIа мел тосучу гIулчаца цунна дуьхьалхIуьттура шен дахаран дIадаханчу буьрсачу шерийн Iаьржа денош. Жимачохь хилларш, баккхийчийн дийцарех дагадогIурш. ТIеман кхехкар. Малхехь ткъесах лепа тарраш, цхьамзанаш. Йогу йарташ, стигалахь соьцу Iаьржачу кIуьран мархаш. Зударийн, берийн маьхьарий. Хьайбанийн Iиэхар, жIаьлийн угIар. БIеннаш, эзарнаш кешнийн керл-керла баьрзнаш, хIолламийн хьаннаш. Декъий, цIий, цIий. Татолашца. Иттаннаш шерашкахь саццаза. Маршонехьа къуьйсуш, бIарзделла хьийза адам. Мацалла, цамгарш. Паччахьан Iедалан къизалла. Кхузахь мукъана а маьрша Делан цамгаршца Iожалла тIеоьцийла хиларе догдаьхна, махках бевлла, схьакхелхина пхи эзар доьзал. ХIара туркойн жоьжахати…
Дерриш а карладуьйлура… Дерриг а дуьхьалхIуьттура. Да, нана, йижарий, вежарий, доттагIий, нийсарой, бIаьхаллин накъостий. ТIамой, мацаллой хIаллакбина зударий, бераш. Царах хIораннан а гIаларто Iелех бехкбоккхура.
«ТIаьххьарчу вешех ваьлча, хьо цхьá вуьсу хIунда моьттура хьуна? – хезара цунна цхьанхьара гушвоцчун аз. – Мила ву дуьненахь цхьалха? Нахана хиллачу диканехь, вуонехь дакъалаца стогалла, тешам а боцу кIилло, йамартхо ву-кх. Амма къонах цхьá вац. Дуьненахь мел долу догдика адамаш дерриш цуьнан йиша-ваша ду. Ткъа кIилло, йамарт, стешха стаг – иза, ворхI вешин ваша велахь а, цхьá ву. Кхетий хьо, Iела? Йухаверза!»
«Тхан чIир йекха къонахалла а ца тоьъна, воьду хьо? – хезара зударийн, берийн белхарш. – Атта ду, тарха тIера чу а иккхина, вала! МостагIех бекхам иэца, къийсаман некъ чекхбаккха къонах веза. КIилло! КIилло!..»
«Хьажал схьа, оха Iожалла тIе муха эцна? – чевнаша дерина шайн догIмаш оьхьура тоххара вукху дуьнена бирзинчу цуьнан бIаьхаллин накъосташа, къеначу тIемалоша. – Дицделла хьуна, оха Iожалла тIе муха эцна?..»
«ХIан-хIа, иза сан кIант вац, – цкъа гучу а даьлла, дуьхьал куьйгаш туьйсуш, мархашлахь къайладелира цуьнан ден гIaларт. – Сан цIийх хила йиш йац иштта осала, кIилло кIант…»
«Iели, сан жима Iела, хьо мича вогIу?! – нана хьалхалелхара цунна. – Ца го хьуна дуьненах марзо оьцучу бевллачу хенахь заманан халалло хеназа кхалхийна хьайн йижарий? Ца го хьуна шуна болчу сингаттамо къиза йийна со? Тхан чIир йекха къонахалла-м ца тоьира хьан, вайн цIенна иэхь мукъа ма дехьа. Айхьа дагалаьцнарг ахь чекхдаккхахь, ас баийна накха хьарам бу-кх хьуна! Йухаверза, Iела, йухаверза…»
«Вийна со цIа валийначу дийнахь сан вуьрхIитта шо а ца дуьзнера. Хьан ткъе дейтта ду. ХIетте а, воьхна, кхеравелла, хьаьдда вогIу хьо. ХIан-хIа, Iела, сан ваша вац хьо!..» – элира цIийша а вуьзна гучуваьллачу Лоьмас.
«Ас Iийшинчу халонийн эзарлагIа дакъа а ца гина хьуна! – Лоьмина дуьхьало йира Iелас. – Ахь цхьана шарахь бен ца бина тIом, ас – йалхитта шарахь! Хьо шолгIачу чевнах велла, суна тIехь уьш исс йу! Хьо вайн дена тIаьххье велла, ткъа ас шу массеран а Iожаллин къахьо мелла. Со-м адам дай, кхидIа садетта ницкъ бац, хьере хилла!»
«Саца, мича воьду хьо?! – Аьрзун омране буьрса мохь хезира цунна тIаьххьара а. – Цхьа сахьт хьалха ас хьайга дина весет ма сиха дицдин ахь? Маршо йа Iожалла бохург-м, маршо йаккха ницкъ ца тоахь, бердах а иэккхий, лиэ бохург даций, ткъа герз карахь къийсамехь вожа бохург ду. Хезий хьуна, Iела? Маршо йа Iожалла! Вайгарчу бохамна бехкечех бекхам ца оьцуш, суна дуьхьалван пурба дац хьуна, ца аьллера ас хьоьга? Ткъа хьо… атталла со лаьтте а ца кховдош, суна тIаьхьа сихвелла…»
ЦIеххьана саметтавеана, сецначу Iелина ша цхьа бIе аьрша лекхачу бердан йистана кхо гIулч генахь карийра. Чухьаьжначу цунна кешнашна аьхкина гу а, лахо Iина йисте охьадехкина декъий а гира. Цига хьийзаш бара бес-бесара духаршца, амма цхьатерра беркъа масех къомах божарий а, зударий а. ХIинца дIатийнера зударий. Ца хезара тийжарш, цIогIане маьхьарий а. ГIара-гIовгIа йоцуш, тийна байъинчийн декъий лаьтте луш дара адамаш. ХIан-хIа, Iела цхьаъ вацара оцу дийнахь, везачух къаьстина, бIарзвелла хьийзаш. Аьрзус ма-аллара, и дуьххьара йа тIаьххьара а вацара вешех къаьстина… Масане хир ву царалахь тIаьххьара висина ваша, йиша, доьзалхо дIавуллуш. Амма тарха тIе хьалаваьлларг цхьа Iела бен вац. ХIинца иза ша а ца тешара ша дагалаьцначух. Кхо гIулч теснехь, бердах оьккхура иза, тIаккха иза, лахьо даьIахк йоцуш, ваьржар вара.
Эзарза Iожалла иэшийна, дийна воллушехь жоьжахате веана, маьхьшаре гина, сиртан тIех ваьлла Iела ле, бердах а иккхина? Ой, иза зуда-х йаций? Зуда хIунда хьехайо? Зудчо а мичара дийр ду ишттаниг! Иштта лечу стеган цIе йан а йац!
– Аьрзу! Со йухавогIу хьуна! – мохь туьйхира цо, лаха чу а вирзина. – Маршо йа Iожалла!
Лаха чувоьссича, цхьана йукъарлахь иза тIеIоттавелира, деттачу цIийлахь, тIехула йоьза мозий хьийзаш, меженаш йаржийна аркъал Iуьллучу шен ненах а хьерчаш, шийла мохь хьоькхучу дерзиначу жимачу берана.
Iела гучуваьлча, ши куьг хьалха а кховдийна, дуьхьалхьаьдда иза, цуьнан настарех хьаьрчира. Цуьнан баьллачу, модаша буьзначу коьртах куьг а хьаькхна, йоI хьаьстира Iелас.
ТIаккха, тIевахана, Iадийна, къаьрззинчохь севцца зудчун бIаьргаш дIахьулбеш цуьнан йуьхьа тIе кортали а тесна, йоI мара а йоьллина, шен беллачарна декхар дIадала вахара.