ХIун ду тхуна дан ца хууш? –
Седарчий дагардо, борц а боь,
Французашна а лоь.
Бухку йа кехатех ловзабо
Крепостной ахархой –
Керста адамаш… амма Iаьржаниш –
Тхо плантаторш ма дац,
Лачкъийнарг эца.
Тхо – законехь лиэла…
Т.Г. Шевченко. «Кавказ»
Нохчий Турце кхалхоран хьокъехь шина правительствона йуккъехь барт хиллачул тIаьхьа, туркоша барт нийса кхочушбарна тIехь тергам латтор тIе а диллина, Кавказан Iедало кхуза ваийтина генеральни штабан капитан Александр Семенович Зеленый Эрзерумехь волу пхоьалгIа бутт бара.
Кавказехь ша йоккху хан, маршонах хаьддачу тутмакхо санна, хала йоккхура цо. Синкъераме а, дера, дара цигахь. Къилбаседехьа бехачу наха даим а шега сатуьйсу кавказски экзотика, бес-бесара къаьмнаш, меттанаш, гIиллакхаш. Ваха а хала дацара кхузахь. Россехь цIе а, сий а доцуш, аддамна мичахь ву а ца хууш, къикъвоьлла муьлхха а дворянчик кхузахь воккха хьаькам хуьлий дIахIуттура. Административни йа эскаран иерархин ламин уггар лахарчу тIегIанна тIе ког биллабелчхьана, лакхенга хьала-м, дера, воьдура, оцу лакхенгара чухьаьжча бIагор хьовззалц. И карьера йан башха хьекъал а, корматалла а, Iилма а ца оьшура. Коьртаниг – хьо къиза йа мекара, иэхь данне а доцуш хилар дара. Цул сов, хаддаза мотт хьекха безара хьайл лакхарчунна.
Цу корматаллех цхьа а тайпа шеца йоцу Александр Семенович, дуьххьалдIа дика штабс-капитан хилла, кхин лакха ца волуш, сецира.
ХIаъ, иза дика эпсар вара. Цунна резавара воккха эла Михаил а, берриг кавказски хьаькамаш а. Шена тIедиллина муьлхха а гIуллакх цо, иза шен даго къобалдеш делахь а, дацахь а, нийса кхочушдеш хиларна. ХIун дийр ду ткъа, Александр Семенович гIорасиз стаг ву. Цуьнан гергара нах пачхьалкхан лаккхарчу гIуллакхашкахь белахь а, нехан когаш кIел хила дийзи-кх цуьнан. Шен дагца иза якобинец ву, ткъа куьйгашца – кхин до. Къиза хьоьшу халкъийн маршо, даймахках боху, бевлча а ца буьту, таллархочо экханна тIаьхьа хецна жIаьла санна, лакхарчара царна тIаьхьа схьахецна иза…
«ХIун дийр ду ткъа? – ойла йора цо. – Цуьнан Императорски Локхаллин сий айъаран дуьхьа, Российски импери шорйаран дуьхьа, олалла дечу гIеранан харданг дешица йузаран дуьхьа (кху шарахь инарла-адъютантна элана Святополк-Мирскийна совгIатана делла Кутаисски губернехь уггар дикачуьра – Аджаметски хьуьнан дачехь – 2367 десятин латта!). Массо маьIIехь – Европехь, Кавказехь, Йуккъерчу Азехь – халкъийн цIий Iенош, церан куьйгех гIоьмаш йетташ шайниш а текхош, лела-кх дерриг лан Iемина оьрсийн салтий, ткъа царна хьалха – со санна эпсарш… Дийцина хIун до цунах, сийдоцуш ду тхан Iедал. XIapa аьрта кхиэл кхочушйечу машинан коьртачех цхьа пурже ду со а…»
Ойланаша дIалаьцна Александр Семенович, ша йаздан долийна кехат йукъахдитина, карара къолам стоьла тIе а кхоьссина, гIеттина, коре вахара. Амма ара бIаьргтохаро хIумма а са ца дийкъира цуьнан. Мелхо а, гуьйренан кху хьалхарчу баттахь йиллина гIалина тIекхозайелла лаьттачу тIуьначу дахкаро дог кхин тIе а гIайгIане хьарчийра.
Диллина садуура цуьнан нохчийн эмигранташа а. Эмигранташ аьлча-м, кIеда хетара цунна, нийса аьлча, Iехийна махках баьхначу оцу декъазчу наха. Александр Семеновичан ницкъ бацара уьш ца кхалхийта а, йа кхалхар сацо а, йа кхелхинчеран гIo дан а. ДуьххьалдIа царах доглазар – и дара-кх цуьнан ницкъ кхочург.
«Кху шарахь кхелхарш-м схьакхаьчна бевллера, хIинца кхузахь дIатарбелла бовлахьара уьш», – ойла йора цо.
Амма нохчий дIатарбаларан гIуллакхан а чаккхе йац гуш. Иза девне долуш доллий-те, моьтту цунна.
Кхелхачу нохчийн дуьххьарлера партеш схьакхаьчначу хьалхарчу деношкахь дуьйна туркойн Iедалца йолу йукъаметтиг галйелира цуьнан. Трапезундехь а, Эрзерумехь а болчу оьрсийн консулийн агенташкахула цунна хиира, схьакхаьчна нохчий, шина правительствона йуккъехь хилла барт а бохош, Ванан пашалыкерчу меттигашка дIатарбан туркойн Iедалан ойла хилар. Оцу хаамаша цецваьккхинчу Александр Семеновича нохчий дIанисбаран гIуллакх имперски комиссар волчу инарле Нусрет-пашега сихонца дIахьедира, кхеташ делахь а, йа ца кхеташ делахь а, цо шина правительствон барт талхош хилар, тIаьхьалонах жоп далар цунна тIедужург хилар. Амма Нусрет-паша цуьрриг шек ца велира.
– Господин комиссар, со Iовдал ву, моьтту хьуна, сайггара гIуллакхдан? Сан правительствос соьга йеллачу инструкци тIехь нохчашна билгалйина йу Ван, Битлис, Муш, Гинджа, Карпут, Эрзинган, – элира цо шеквоцуш.
– Амма, хьан локхалла, соьгахь ма йу сан правительствон инструкци, – туркойн инарло майрра ден къамел дагах кхетта, оьгIазвахара иза, – Российски империн векало инарло Игнатьевс кху шеран 21-чу майхь № 314 йолуш кавказски эскарийн коьртачу штабе йаздинчу кехат тIехь аьлла ду, шун правительствоца шен хиллачу бартаца, цхьа а нохчо Диарбекирний, Эрзинджанний малхбалехьа виса йиш йац аьлла. Цундела ас сацамболлуш дуьхьало йо ахь лелочунна!
– Господин комиссар, суна чIогIа новкъа ду айса бан безачу некъо хьуна вас йеш хилар. Амма дан гIo дац-кх! – ши куьг дIаса а тесна, белш саттийра Нусрет-пашас. – Сайн правительствос сайга йеллачу инструкцица гIуллакхдан деза сан а. Оцу меттигашкарчу Iедална ас тIедиллина цхьаъ ах эзар доьзална латта къастор. Ванан пашалыкехь хIусамаш а кечйина оха царна. Важа бисинарш Карпуте, Эрзингане хьовсор бу. Хьуна ма хаьа, господин комиссар, ламанхой Диарбекире хьовсо йиш йоцийла. Амма, вайшиннан дика йукъаметтиг ца йохо, хьан протестан хьокъехь ас Стамбуле телеграмма лур йу.
– Цул сов, хьан локхалле дIахоуьйту, – тIевирзира инарла вуовалар хиъна Зеленый, – схьайаьхкинчу партех цхьа а Эрзерумал тIехйаьлла цахилар. ТIейогIу йолу партеш, Муше, Ване а ца хьийсош, Карпуте йахийта. Цига дIатарбелла нохчий меттахбахий, баха беззачу дIабахийта аьлча, хьалххе хIунда ца элира аш шуьга ца алийта, ду хьуна иза.
– Дика ду, господин комиссар, дика ду. Стамбулера керла инструкци кхаччалц, ас цхьа а парти хьажор йац Муше а, Ване а.
Шаьшшиннан и къамел хиллачу шолгIачу дийнахь Нусрет-пашин кара йозанца протест делира Зеленыйс. Амма цунна дуьхьал инарлера деанчу кехато цецваьккхира иза. Цаьршиннан къамелехь инарло бохура, Ваней, Мушей шаьш цхьакIеззиг нохчий бен ца ховшабо, ткъа кехат тIехь кхин – цигара мохк бен, нохчийн даймехкан Iаламций, хьелашций богIуш цахиларна, берриг нохчий цига ховшабо шаьш. Нохчий Карпуте бахийтар а, Портера керла инструкци а хьеха ца йора. Дуьххьал схьабохура, Диарбекире бахийтича, нохчий цIена хIаллакьхир бу.
Кхузахь Зеленыйна гучуделира инарла Кундуховн хIилла. Цуьнан план йара цхьана гулахь, Назчера дIа Мушехула, Битлисехула, Ван Iоман къилбехьарчу йистонца Ван-шахьарна тIехIотталц йолчу метте нохчий охьаховшо. Зеленыйс протест йина дукха хан йалале Эрзеруме веанчу Кундуховс дехха къамел дира цуьнца оцу протестан хьокъехь.
– Россехь къинхетам бина, схьакхалха ша бакъо йелла нохчий кхузахь оцу къинхетамах хадор бац хир бу оьрсийн правительствос, – бохура цо Зеленыйга. – Гуш лаьтташехь Iожаллина тIе хIунда бохуьйту цо уьш? Диарбекире ховшабахь, уьш ах шо далале белла дIабевр бу. Йокъане, йекха цигара мохк, зуламе Iалам. ХIан-xIa, господин капитан, со ваьхьар вац нохчий цига хьовсо. Суна луур дац масех эзар адаман къа сайна тIелаца. Ас уьш Ванан пашалыкехула, Муша уллохула дIа Назче буьгур бу. Нагахь нохчий Мушехь, Битлисехь бита шун Iедал реза ца хилахь, кхузахь долу хьал дуьйцуш, Нохчийчу кехат йаздан дезар ду сан, новкъа бевлларш йуха а берза, кхин схьа а ма довла, кхузахь шуна оьрсаша кечйинарг Iожалла йу аьлла. Уьш Iехо йиш йац сан.
Кундуховн схьахьедаро вохийра иза. Оцу хьокъехь цхьа а тайпа инструкци йацара цунна йелла.
– Хьан локхалла, хьуна ма-хаъара, кхелхачарна билгалйинчу меттигашна йуккъера Ванан пашалык дIайаккхар Кавказски Iедало дина ма ду, – иза кхето гIоьртира Зеленый. – Оцу хьокъехь Турцехь волчу Россин полномоченни векална инарлина Игнатьевна а, Турцин арахьарчу гIуллакхийн министрана Iела-Пашина а йуккъехь хилла бохо йиш йоцуш барт ма бу. Цундела сан бакъо йац иза дан. Оцу хьокъехь соьга керла инструкци кхаччалц, нохчий Карпуте дIахьовсош Нусрет-пашина гIoдар доьху ас хьоьга.
Амма Кундуховс иза аьттехьа а ца дитира.
– Бехк ма биллалахь суна, капитан, иза дойла йац хьуна сан, – корта хьовзийра цо. – Меттигерчу бахархошкахула нохчашна хIинцале а хиъна Диарбекирера мохк йекха, йийнарг ца кхуьуш хиларал сов, хIаваъ вуон долуш хилар, цига гIахь, шаьш хIаллакьхирг хилар. Цундела сан бакъо йац, йа аьтто а бац, нах Карпуте хьийсорна тIехь гIo дан. Со тешна ву, Ванна а, Мушана а гуонаха нохчий дIатарбарна Кавказски Iедал дуьхьал хирг цахиларх. Нохчий цигахь совцорна иза дуьхьал хилахь, кхалхоран гIуллакх йукъахдер ду, ткъа иза шун правительствона лаъане а цалуург ду. Цундела ахь, кхузахь хIоьттина хьал дуьйцуш, Тифлисе хаамбе, цигара хьуна жоп кхаччалц ас нохчий оцу меттигашкахь сецор бу.
– Хьан локхалла, хьуна луу жоп Тифлисера кхачарга догдохуьйла а йац, – дуьхьало йан гIоьртира Зеленый. – Нусрет-пашица сайн хиллачу къамелан хьокъехь ас цига хаам бина. Цигара сайна керла инструкци кхачале а хаьа суна, нохчашна къастийначу меттигашна йукъара Ванан пашалык, Муш, Битлис а дIайолийла. Цул а и нах царна билгалбинчу махка тIе дIабахийтахьа. Хаа ду хьуна, схьакхаьч-кхаьчна партеш вай дIа ца тарйахь, и пхи эзар доьзал цхьанхьа гуллахь, уьш дIатарбан хала хилла ца Iаш, ницкъ а кхочур бац вайн. Ткъа царна даа рицкъа а, чубаха хIусамаш а оьшу. Хьан бийр бу церан гIайгIа? Нагахь царна йукъа ун даржахь йа мацалла уьш бала болахь, хьаьнга хIун далур ду?
Кундуховс жоп сиха ца делира.
– Нагахь Мушаний, Битлисаний гуонаха нохчашна тоъал латта хилахь, уьш Ване ца хьовсо гIоьртар ву со, – элира цо, дикка ойла а йина. – Ткъа Карпутах дерг аьлча, цига цхьакIеззиг нах бен бохуьйтийла дац.
Оцу тIехь чекхделира цуьнан Кундуховца къамел. Цунах хиира Зеленыйна нохчий Диарбекирехьа цабохуьйтург инарла Кундухов вуйла. Мухха делахь а, цхьана Iалашонца уьш цхьана гулахь, Россин дозанашна гергахьа сецо гIертара иза. ХIетахь дуьйна ши бутт баьлла. Амма нохчий дIатарбаран гIуллакх ша долччохь лаьтта. Александр Семенович кхийринарг хилира цунах. Россера схьайаьхкинчу кхелхачийн ткъе бархI партех бархI Эрзерумехь, ткъа парти Мушана уллохь, Мурат-чайн тогIехь, севцира. Шайн политически Iалашонаш кхочушйар лоьхучу туркойн Iедало, уьш цигара дIа малхбалехьа ца кхалхо гIерташ, дукха мекарлонаш лелийра. Йуьхьанца Iедало сецийра уьш Диарбекирал, Эрзинджанал дехьа кхалхор, ткъа хIинца нохчий шаьш дуьхьалбевлла цига кхалхарна.
Александр Семенович дика кхетара туркойн политикех. Царна лаьара, и кавказски лаьмнийн уггар ира герз шайн буйна а лаьцна, Россиний, шайн империн чоьхьарчу къаьмнашний дуьхьал дерзо гIертийла. Чергазий оцу некъахь хIинцале а гоьбевлла. Иштта нохчех чаьлтачийн отрядаш вовшахтоха гIерта инарла Кундуховвий, Сайдуллий, Шамхалбеккий. ХIинца цкъа-м кхиам бац церан, амма, хьанна хаьа, мацалло бIарздича, адамо хIун ца дер?
Империна чоьхьара хьал гIоьртина хиларо нохчашца дерг ма-хуьллу машаре дерзорна тIетоьттура туркой. Церан Iазапна дуьхьал къаьмнийн маршонехьа болам хаддаза дIа бара Балкански ахгIайри тIехь. Цигахь боккха тIеман ницкъ латто дезара правительствон. Цул сов, дIадаханчу шарахь дуьйна карзахдевллера, керста къаьмнаш хьовха, царал цуьрриг паргIатехь доцу бусалба къаьмнаш а. ГIевттина Багдадний, Алеппоний йуккъера къаьмнаш. ДIадахана шо чекхдолуш царна дуьхьал хьовсийначу туркойн эскаршна баккхий иэшамаш хиллера. Албанехь Махметан куьйгалли кIел гIевттинчу арнаутийн тоба тIаьхь-тIаьхьа стамлуш йара. Туркойн Iедалан интригашца чергазошний, болгарашний йуккъехь хаддаза дов лаьттара.
Нохчий дIатарбар шен планаца чекхдаккха ойла йолу туркойн Iедал йуьхьанца дукха гIиртира уьш малхбузехьа дIа ца бига. Шаьш бохург шайна хир доцийла хиъча, эххар а меттахъхьайра. Амма тIаьхьа дара. Султанан воккхачу везирера сацамболлуш омра кхаьчначу нохчий дIатарбаран гIуллакхан комиссаро Нусрет-пашас шегахьара хьокъалла долу омра дира Эрзеруман велига ИсмаьIал-пашега. Амма ИсмаьIал-паша цуьнан омра кхочушдан гIиртира, цунах цкъа а гIуллакх ма хилахьара бохуш. ГIуллакх хецна дитарна бехкевина ИсмаьIал-паша шен балхах мукъаваьккхира, ткъа иза ваьштадало ницкъ боцчу Нусрет-пашин а дийзира шена тIерачу декхарх ша мукъавитар деха.
ИсмаьIал-пашин метта Эрзеруман вели хIоттийначу Эмин Мухлис-пашина тIедиллира нохчий дIатарбаран гIуллакх. Керлачу комиссаро доггах а, шех тIех тешна а долийра шен декхар кхочушдаран гIуллакх. Ванан пашалыкерчу Мушана уллера нохчий бертахь йа бертаза малхбузехьа, Диарбекирний, Эрзинджанний дехьа, дIалахка сацам болуш, шеца кхо эзар дошло а волуш, ши кIира хьалха цига вахана иза шена цамоьттучу суьртана тIеIоттавелира. Цунна моьттура, цигахь шена хьалха мацаллой, цамгарший хьекхна бухадисна, ша аьлларг хIуъу а дан кийча, гIорасиз масех эзар адам хIуттур ду. Иза стенна вогIу хуучу нохчийн тхьамданаша массо aгIop а туркойн эскарел тоьлуш дошлойн пхиъ полк хIоттийра цунна хьалха. Курачу пашин йухавала дийзира. Амма оцу дийннахьехь цо Константинополе телеграмма йахьийтира, нохчийн бертахь кхузара дIабовла ойла йац, уьш духьало йан кечбелла, герз йукъадаккха бакъо а, кхин тIе герзан ницкъ а ло шена аьлла.
Александр Семеновична хаьара воккхачу везиро Эмин Мухлис-пашина и бакъо йелла хилар – цхьа гуттар гIаддайна кIелбисина кIеззиг доьзалш Iа дIадаллалц Ванехь, Мушехь, Эрзинганехь, Байбуртехь, Эрзерумехь, Чилдирехь а битий, дукхахберш Диарбекирна дехьа дIалахка аьлла.
«Нагахь ма-дийццара гIуллакх чекхдаьлча-м, дика дара, – ойла йора цо. – Хьанна хаьа, Iа даккха буьту аьлла, кIеззиг ца буьтуш, дуккха а нохчий цара оцу меттигашкахь битахь? БIаьсте йаьлча, царна цигара дIабовла лаац аьлла, битахь? ХIокхеран дош а, гIуллакх а цхьаьна ма ца догIу…»
Мацах цкъа шен Нусрет-пашиций, Кундуховций хиллачу къамелах лаьцна шиъ кехат дахьийтинера цо Тифлисе: Нусрет-пашас шега йаздина кехат а, ша цунна йаздина жоп а буха а дуьллуш. Александр Семеновична хезнера, хIуманах ларлуш волчу инарло Карцевс, шеггара жоп ца луш, и кехаташ, Лорис-Меликовх дагавала, Владикавказе дахьийтина бохуш. ХIетахь дуьйна бутт сов хан йаьлла, ткъа оццул оьшу жоп хIинца а кхачаза ду! «Декъаза нохчий-йаI, ма боккха болх бу-кх шуьга хIоттийна Iазап! – корта хьийзабора цо. – Iехийна махках-м дехира шу, кхузахь а синтем ца буьту-кх шуна. Кху агIорхьа шу дита суна бакъо лац, шаьш хьийсочу дIадаха ницкъ шуьгахь а бац. Ой, дIакхаьчча, хIун дан деза? Уьш-х бутт балале белла кхачалур бу цигахь! Хьаннаш, хиш, хьена латта, цIена хIаваъ долчу токхечу, исбаьхьчу махкара схьадаьхкина шу йийнарг ца кхуьучу, хи доцчу, декъачу, дерзинчу лаьтта тIе охьаховшийча, мозий санна, хIаллакьхир ма ду. Ткъа Кундуховс дийцарехь, тIедогIучу шарахь кхин тIе а кхалхо ойла а йу. Кху жоьжахате богIучул, шайн махкахь летта, мацалла белла дIабовлар гIоли ма йу царна…»
Нохчий Диарбекиран виллаете хьийсорна тIегIертар кхин хилча цамаггал йоккха къизалла йара оьрсийн правительствон агIонгахьара. Оцу политикина ша реза цахилар къедадора Александр Семеновича ша Тифлисе мел дохьуьйтучу кехат тIехь. Амма ша бохучу адамаллина тIе кавказски Iедал доьрзур ду бохург аьттехьа а ца хетара цунна.
«Адамалла хIун йу хаьа Россехь? – догдоьхна хьаьвзира иза. – Лайн долахойн, лайн мохк. Маршо дагайеънарг йа тангIалкхаш тIе хьалаозаво, йа Сибиран жоьжахате хьажаво, йа ша-шен вуьйчу хьола тIе воккху. БIе шарахь цIий Iений пекъарийн – хIокху нохчийн. Петрана тIера хьала Александр II-чунна тIекхаччалц йолчу йехачу заманахь. Дийна биснарш махках боху. Шайн дайх цIанйина малхбузе Кавказ а. Шен цIела карчий Польша а. ХIинца тхан цамзанийн цивилизаци йуккъерчу Азин гIамаршка шерша…»
Оцу сингаттамечу ойланех иза йукъахваьккхира эткаш цIийзош чоьхьаваьллачу даим цIена вухавелла, даим шена тIе кахьоькхуш, маре йаха кечлучу йоIстагал хала лелачу цуьнан гIоьнчас поручико Шелковниковс.
– Тифлисера почта йу, Александр Семенович, – элира цо шен хьастамечу озаца. – Коьртачу штабера пакет.
Зеленыйна бIаьрг ма-кхийтти девзира и казенни конверт. Йеа маьIIе а, йуккъе а хьаьхьамчан мухIарш диттина долу иза, цигара ца хилла, мичара хир дара.
– Вайшинга кехат дац-кх? – хаьттира цо поручике.
– Дац. Кху варварийн махкахь массара а вицвина вайша. НеIалт хуьлда со кхуза хьажо дагадеанчунна! Тифлисан мехкаршлахь, йалсамане дахана хьоза санна, воллуш ма вара со. Иэшахь – вайниг, иэшахь – гуьржийниг, эшахь – эрмалойниг. Моз лехьо накхармоза санна, цхьанхьара вукхузхьа а вуьйлуш, массарех а дургал оьцуш лелара. ХIинца Iан веза-кх, гIан санна, и хан дага а лоьцуш.
– Кхузахь а вац хьо хIумма а дагахьбаллам буьтуш, – йукъахваьккхира иза Зеленыйс. – Консулан йоIана гуонаха хьийза хьо, чиркхана полла санна. Хьожуш хилалахь, тIемаш даьгна вуьсурий хьо!
– Хаац, хаац, – там хилира Шелковниковна. – ХIинццалц схьа-м чиркх хилла лаьттина со, и полларчий сайна гуонаха а хьийзаш. Сох хьакхаделла тIемаш даьгнарш бу, сан нуьро Iадийна, тIегIерта ца баьхьнарш бу. Хаьий хьуна, Александр Семенович, селхана цхьана турчанкица гергарло тасаделла сан. Пашин йоIаца. Цуьнан ши бIаьрг хьайна гинехь! Iаьржа агат санна. Ткъа цIоцкъамаш! ХIан-хIа, йийцарх хуур дац. Цкъа ас гойтур йу хьуна иза.
– Пурба лохьа, господин поручик, ткъа мадемуазель… Жабох хIун до ахь?
– Иза-м дIадахнарг дара! – куьг ластийра поручико. – ЧIогIa шийла стаг йу иза. Тахана ас дан дезаш сиха гIуллакх-м дац вайн?
– Дац. ХIунда хоьтту ахь?
– ГIалел ара сакъера ваха дийцинера ас цхьана йоIаца…
– ДIагIо хьо. Дала аьтто бойла хьан!
ЦIа чохь IатIаран хьожа а йитина, дIавахара поручик. «Тамашийна стаг ву. Дозалла дезаш. Амма ша ледара эпсар а вац. ХIун боху-те Тифлисо? Сан боьхначу аьттонна жоп дац-те?»
Схьаэцна пакет тукарца хадош схьа а йиллина, чуьра кехаташ схьадехира Зеленыйс.
«Эрзерум. Оьрсийн консульстве. Генеральни штабан капитане А.С. Зеленыйга.
Господин капитан!
24-чу июлехь Нусрет-пашега ахь йаздинчу кехатан а, 25-чу июлехь цо хьуна даийтинчу жоьпан а копеш а, 25-чуй, 26-чуй июлехь йаздина № 8, 10 йолуш Коьртачу Штабе ахь дахкийтинчу рапортийн копеш а Цуьнан Императорски Локхаллин лаамца Теркан областан начальнике инарла-лейтенанте Лорис-Меликовга йахьийтира, ахь йаздечу гIуллакхах, йа вуьшта аьлча, кхелхина нохчий Битлисана тIера Малхбузехьа, Шамски ломан къилбе агIонца дIатарбан йолчу туркойн Iалашонах лаьцна цунна xIyн хета хьовса.
Нохчий Турцехь дIатарбаран гIуллакх тIехь инарла-лейтенантан Лорис-Меликовн гайтамашца куьйгалладар тIедуьллу хьуна.
Полковник Богуславский»
ШолгIаниг Лорис-Меликовс цунна дуьхьал Карцовна жоп луш йаздина кехат дара:
«Хьомсара государь Александр Петрович!
…Кху карахь йолчу хенахь цхьа а тайпа шеко йац кху шаренна чекхдолуш лаьтта нохчий кхалхоран гIуллакх вайн дог резадолуш доьрзуш хиларан а, вай хьегна инзаре къа а, цунна йина йаккхий харжаш а кхалхоран гIуллакхан жамIаша меттахIиттош хиларан а, хIунда аьлча оцу кхалхаро тIеIаткъам бина нохчийн халкъ хIинцале а кийча ду муьлхха а вайн лехамаш цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш кхочушбан… Кхалхийначех дисинчу, вайн дола девллачу, бухабисинчу бахархошний, гIалгIазкхашний чIогIа оьшуш хиллачу лаьтто бина аьтто хилла ца Iа ас буьйцург. XIapa ас дуьйцу жамIаш хила йиш йацара, хьалхара дош ваьш аларца дерриг а гIуллакхийн мукъ вай вешан кара ца лаьцнехь. Ала деза, кхелхинчарна Турцехь мохк бала йуьхьанца вайн барт хиллачу меттигашкахь шаьш дIанисбаре наха сатийсаро а кхалхаран гIуллакхна боккха аьтто бина хилар. Гена некъо, цигахь царна бала тIаьххьара билгалбинчу махках бакъ хаамаш схьакхачаро шина ойлане хIиттийра кхалха кечбеллачех дукхахберш. Цунах пайда а эцна, тхаьшна луъу нах, йа вуьшта аьлча, мелла а карзахе, вайн правительствос дIадолочу гIуллакхашна зуламе нах махках баха дуьйлира тхо. Цунах доллу кхалхор оцу хьелашкахь хIинццалц схьа машаре дIадахаран бахьана. Амма, шеко йац, кхелхинарш цигахь дIатарбан билгалйина меттигаш хийцинийла кхузахь хаалахь, кхалхаран гIуллакх буххенца кхечу aгIop хийцалург хиларан. Турцехь шайна къастош болу мохк Муса Кундуховс боьхург бу а моьттуш, оцу мехкан латта шайчух тера токхе дуйла а, и меттигаш вайн кордонашна гергахь йуйла а, цига гена некъ бан ца безийла а хиъна, нах берриш а цига дIагIортаро кавказски хьаькамалла кху тIаьххьарчу хенахь кхелхачарна дозатохарна тIететтира…»
– Йуьйцу а ца хезна шалхо! – карзахвелира Зеленый. – Цул-м, уьш даррехь нуьцкъала махкахбахар гIоли ма йара. Шайна луъург дойца оцу мискачу къомана тIехь!
«…Айса хьалха диначу дерриг а дIахьедаршна тIе а доьгIна, кхелхинарш вайн дозанашна генахь дIатарбан безар ондда бух болуш гIуллакх хиларх, нагахь и ца дахь, Теркан областехь долийначу кхалхаро кхузахь вайн ког чIагIбаран гIуллакх чолхе доккхург хиларх хьан локхалла тешо ваьхьар ву со. Цундела, со тешна ву, туркойн правительствос хьалхахIиттийна бартан хьелаш дерриш а нийса ша кхочушдинчул тIаьхьа кавказски коьртачу хьаькамалло хIун дан деза аьлча, Константинополехь волчу вайн векална декхар дина тIедилла деза, шегахьа йолчу aгIop Портас и барт нийса кхочушбар хаддаза лехар, нагахь туркойн правительствос кхелхарш Кундуховна луъучу дIатарбахь, тIаьхьалонах жоьпалла дерриг а цунна тIехь дуьсуш хиларх. Ткъа нохчий Битлисана малхбузехьа баха ховшорах лаьцна суна хIун хета шуна хаа лаахь, и меттигаш сайна дIора дика ца йовзахь а, сайн ала декхар хета суна, цкъа-делахь, Нусрет-пашин схьахьедар барта дина ду, цундела кхузахь цхьа а декхарийла хуьлуш вац. ШолгIа-делахь, туркойн администрацин мекара амалш сайна дика йовзарна, № 73 йолуш 21-чу февралехь айса йаздинчу кехатца ас элира хьоьга, кхелхарш дIатарбан цара гойтуш йолу Битлис дуьххьалдIа номинальни пункт йу, нагахь вай цунна резахилла совцахь, цара кхелхарш, къаьсттина вай тIаьхьа тIекхалхор берш, оцу пунктана малхбузехьа дIахьийсоран меттана, къилбаседехьа, вайн дозанашка, дIатарбан а хIуьттур бу. Цундела Кавказски хьаькамалло цуьнга дехна, нохчий кхалхор пачхьалкхан маьIне, доккха гIуллакх хиларе терра, суна хетарехь, инарла-адъютанто Игнатьевс пачхьалкхан пайденна дуьхьа а, шен меттиг Iалашйан а хуьлуьйтур дац йа хилийта декхар дац Кундуховс лоьхуш долу кхелхинарш дIатарбан билгалйина меттигаш хийцар…»
«Хаац, Лорис-Меликов, хьо цхьогал делахь а, цхьогалан цIога-м Карцов а ду хьуна, – кIоршаме велавелира Александр Семенович. – Сан хаттаршна жоп далар Лорис-Меликовна тIе а диллина, ша йуьстахваьллийца. Амма, мацца а цкъа лучу далахь, кху адамашка хIоттийначу Iазапах жоп-м шиммо а лур ду ашшимма. Цул а дика хир дара, хIинццехь шуьшиъ тангIалкхаш тIе хьалаоьзча. XIapa дуьххьара долийначу оцу аьртачу инарлица Евдокимовца цхьаьна…»
Шен дагахь барт беттарца жимма дог хьаийна, кехаташ цхьана папки йукъа дIатийгира цо.
«Доцца аьлча, дикка къахьега деза сан, xIapa гIуллакх дерзо гIерташ. Эмин-паша шен дошлошца Муше а, дера, вахана, герз йукъадаккха везире цо пурба а, дера, дехна, цуьнан дIаволавалар доггах долчух тера а, дера, ду. Амма атта тоьшийла йац-кх кху басурманех. Цхьаъ дуьйцу йа дан гIерта, дIаладоьгIча, кхин дой карадойту…»