bannerbannerbanner
полная версияЙеха буьйсанаш

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Йеха буьйсанаш

Полная версия

V корта. Данч

I

а

МостагIий цистина

Сан каде ва куьйгаш

Болатан буржалша

Къуьйлуш ду ва шуна.

Хелхарна бохь боьгIна

Сан каде ва когаш

Болатан зIенашца

Бихкина бу шуна…

Нохчийн илли

1

Маржа, буьйса, йаI!

Мел йоца хилча а, ма йахло-кх хьо дерачу чевной, лазарший ов деттачу, дегIан меженашка ладоьгIуш, шен сигахьа ваьлла Iуьллучу дархочунна, Iожалло кадетташ хьийзочунна. Ма йахло-кх хьо, оцу чевнал а, оцу цамгарал а хала, къаьхьа бала дагна Iеткъаш, бертаза коьрте гIертачу йоьхначу ойланаший, мацаллой наб йаьхьна Iуьллучунна. Ткъа мел йахло хьо, гуьйренан Iаьржа цIемза буьйса, цабевзачу нехан хийрачу махкахь йерзинчу стигала кIел мацаллой, кIез-кIезиг цIий худуш, бос баьхьначу берзинчу доьзалшна йуккъе вижина, кханено хIун дохьур ца хууш, царах дог лозуш, сема такха воьлча.

Ма мерза ду хьо винчу неней, винчу махкей сатийсар…

Нана йелла, байлахь дисинчу берана, ша къанвелла, къежвелла, берийн бераш хилла дIахIоьттича а, сих-сиха гIенах дуьхьалхIуьтту ненан хьоме сурт, хеза цуьнан сатеден, дог хьосту аз, хаалуш хета мацах-мацах цкъа цо шен дегIах хьаькхна ховха куьг. Лаьа иштта гIан дахлойла. Самаваьлча, мерза сатуьйсуш, цо дагахь сецадо гIенах гина и хьоме сурт. Ткъа даймохк? Уггар шена дукхайезначу хенахь Iожалло шех къастийна нана а йицло стагана, амма бицлац Нана-Даймохк, кхолламо цунах ша мел гена ваккхарх. Бицлац, дуьненахь мел дукха вахарх.

Маржа, даймохк, йаI! Дайн а, нанойн а нана! Хьох хаьдда, генара хьоьга сатуьйсучунна бен хаац хьан марзо. Амма ма йеха, ма Iаьржа йу-кх хьо, гуьйренан буьйса, йиша-вешех а, халкъах а, махках а ваьллачунна, Iожалло къиза кадетта доьлча…

Арахь сатосуш лаьтта, амма ДанчIина наб ца кхета.

Цунна тховса цхьа тамашийна наб йогIу. Хьалха чевнаш хиллачу хенахь а Iиллира иза, тховсачух тера тамашийна ойланаш коьрте хьийзаш. Цкъацкъа хеталора шена гIан-набарш гуш санна, ша цхьана кIоргачу йесалле хахкавелла воьдуш санна, йа, ша йуккъе лаьцна, хIоз хилла, дерриг дуьне хьийзаш санна. Цунна дуьхьалхIуьтту, нийса гIулч йоккхуш, ира цхьамзанаш хьалха а лецна, лекха куйнаш коьртахь, некха тIехь морзах тийсинчу кIайчу доьхкаршца бIаьрнегIар ца тухуш тIебогIу салтийн бIо. Йурт йогу. ЦIеран меттанаш хьерча ДанчIин дегIах. ТIаьхь-тIаьхьа хала хуьлу садаIа. Салташа болар хуьйцу, уьш хIинца бевдда богIу. ДанчIас, уьш совцо гIерташ, тур лестадо. Иза цхьаъ бен вац тIеман арахь дийна. Делла Iохкучу адамийн догIмех ихначу цIийх хIиттина Iаьмнаш ду. ЦIий тIаьхь-тIаьхьа айъало, цунна тIехула хьийза берийн декъий. ДанчIас гуонаха бIаьрг бетта – вац цхьа а гуш. Стигала хьалахьажавеллачу цунна го, сирчу дина а хиъна, мархашлахь хьийза Аьрзу. ДанчIа цуьнга кхайкха гIоьрта, амма кийрара аз ца долу. ХIоьттина цIий логе кхочуш лаьтта цунна. Амма салтий, шекбоцуш, тIегIерта. ДанчIас лесто тур кхетац цхьанне а. ЦIий бага лелха, са ца даIалуш хар-хир до, амма ДанчIас, берриг ницкъ тIе а гулбой, мохь туху:

– Аьрзу! Аьрзу… леш воллу-кх со…

ЦIеххьана цамгар чIагIйеллачу ДанчIина гуонаха хьийзара Хеда. ДегIах къаста гIертачу сино ницкъбиначу цо дIасатуьйсу меженаш сецо гIерта иза. Логехь туй сецча санна, хар-хир деш, цо доьIучу сино набарх ваьккхина, ша хIун дер ца хууш, ден коьрте хиъна Болат a Iа.

– Же, ма Iелахь, Болат! Маккхале чехка схьавола ала.

Цкъа а цамгар хIун йу ца хууш, могаш кхиъначу ДанчIин зоьрталчу дегIо къуьйсура Iожаллица. Иза кхо бутт хьалхалерниг дацара. ХIетте а, цо тIаьххьара минот тIехIотталц къийсира дахарехьа. Веттавалар лагIделира. МаккхалгIар чукхаьчначу хенахь иза тийна Iуьллура.

ДоьIучу сих ДанчIа мича хьолехь ву хиъначу цушимма сихха къилбехьа верзийра иза. Маккхала, коьрте а хиъна, меллаша йеса долийра.

– Хеда, тхо дIасакъаьсташ, ма тера дацара хIара хила доллучух, – вистхилира Аьрзу, цхьаъ алархьама.

– Со-суо а ма йацара хIара кху хьола тIе ваьр моьттуш-м. Шу дIадаханчул тIаьхьа, кIегар хиъна, соьга весет дина, тIаккха охьавижира хIара. Йа axI деш а ма вацара. ЦIеххьана веттавала вуьйли, соьга сеца а ца луш, тIаккха хар-хир долий, йуха, цкъа-шозза хьоьга а кхайкхина, дIатий-кх…

– Дала мукъалахь, гIоли хир йу. Гена некъо ницкъ бина кхунна. Цхьана дийнахь садаьIча, дегI меттадогIур дай кхуьнан-м, – маслаIате гIертара Аьрзу.

Сатосуш лаьттара. Цхьацца-шишша довш, дIадайра йекхначу стигалара седарчий. Серлайаьллачу арахь гора, мархех чекх корта а баьккхина, ирхбахана Циранкатар ломан бохь. Наггахь серлонаш къегара Муш-шахьарахь а. Амма хIинцале шера къаьстара эрмалойн килсийн – Сэв-Авэтарана, Сурб-Маринэ, Сурб-Киракосан – бIаьвнаш, Iалауддин-беян маьждиган ира момсар а. Хьанна хаьа, кхузахь Iачарна ца хазахь а, оцу момсар тIехь xIop а пIepacканан дийнахь санна, тахана бусалбанашка рузбане кхойкхуш молла хила а тарло. Дукха ца Iаш Далла гIуллакх дан керстанашка кхойкхуш декар ду килсашкара горгалеш. Шина а динадайша, цхьаболчара – килсашкахь, вукхара – маьждигехь, махьарх йуьзначу гайш тIехь куьйгаш морзахдаьхна, адамашна хьехам лур бу, дика-вуон Делера бен догIур дац, Цо деллачунна реза а хилий, совца, кху дуьненахь халонаш хьегначеран эхарт декъала хир ду бохуш.

Амма цхьаннен а дагахь хир вац леш воллу ДанчIа а, бIарзбелла гуонаха хьийза цуьнан доьзал а…

Кхетачу малхаца самайаьллачу шахьарахь, йарташкахь дахар кхехка доьр ду, ткъа туьпара нах, оцу буса беллачийн декъий айъина, уьш хийрачу лаьтте кховдо йуьстаха бевр бу. Иштта догIур ду кханалера де а, цул тIаьхьа догIу денош а.

ДанчIас тIаьххьара а са дIалуш, бераш арадаха гIоьртира Хеда. Амма Аьрзус сацийра иза.

– Болат чохь виталахь, Хеда. ХIара де ца дицден шена цо. Шайн дайн санна, декъаза дуьне доладелла берийн а. Вуолийта ахь иза. Халонаш хIинца а хьалха йу.

Цхьанне тоса а ца луш, атталла салам ца луш, чувеана МIаьчиг, хIара хьал хIуттур дуйла шена хьалххе дуьйна хууш хилча санна, вист ца хуьлуш ДанчIин когашка хиира. ХIетта лаьмнашна тIехьахула хьалакъедда маьлхан зIаьнарш йийшира ДанчIин мажйеллачу йуьхьа тIе. Дазделла негIарш халла хьала а айъина, хIиттина бIаьргаш МIаьчиге а хьажийна, тIера цIен бос байна дакъаделла балдаш меттахъхьадира цомгашчо.

– МIаьчиг, дага… догIий… хьуна… вайша… Оьрза-ГIала базарахь… цхьаьнакхетар… Iалхас… дина дов…

Ша ала гIертарг чекх ца даккхаделира ДанчIега. ТIаьххьарчу дешан ах матта тIехь йуьсуш, са дIаделира цо. Аьрзус бIаьрнегIарш тIехьабдешшехь, Маккхала шен кисанара даьккхинчу йовлакхца чIениг дIайихкира цуьнан. ТIаккха, докъана тIе верта а тесна, арабевлира уьш.

– Бераш тхан буьна дигий йолахьа, Хеда, – элира Аьрзус, майрачун весет кхочушдан гIерташ, бIаьргех хин тIадам ца болуьйтуш, дог къуьйлуш Iачу Хедега.

Хеда бераш эцна йуххера дIайаьлча, хIетта тIевеанчу Iелегахьа а вирзина, хаьттира Аьрзус:

– Сийсара маса велла, хаьий?

– Гучуваьлларг-м шовзткъе берхIитта бен вац.

– Маккхал кхузахь вуьсур ву, ДанчIа лийчош. Чора схьаваийта. Хьой, МIаьчиггий, кешнашка а гIой, цигахь кечам муха бу хьажа. Диъ-пхиъ дакъа цхьана коша мегар дацара-те, Маккхал? Зударий, божарий къастош.

– Мага а мегаш, итт цхьаьна а вуллу оха-м, – жоп делира Маккхала. – Царна хIоранна а шена-шена каш даккха гIopa мичахь ду.

– Дакъа мичахь лийчор ду? Кху буьн чохь-м дIасахьовза а, хи дIадада а меттиг ма бац.

– Вохий ма хилалахь, Аьрзу, – гIайгIане велакъежира Маккхал. – Кху тIаьххьарчу шина кIирано дикка говзаллаш Iамийна суна. Айъина тIехьа варша а даьхьна, цигахь лийчор ду вай. Хедега сихха хи дохдайта. Ишттачу денна хьажадой саба а, марчонна киса а ма хуьлура. Хаттахьа цуьнга. Доьзалехь дуьххьара веллачунна-м саба а, марчо а нисло, амма вукху мисканашна хьарчо ур-атталла морса истанг а ца кхочу чомахь. Ас, варша а валий, вешан гIуллакх дан жимма бегIийла меттиг карайе.

Берриг кечам хилла баьлча, ДанчIа сийсара дийна цIа валийначу лами тIехь айъина варша даьхьира дакъа. Кхузахь иза сийначу гIашца даржийначу ножан гаьннаш тIе а диллина, цунна тIера бедарш дIайаха хIиттира уьш. ЦIахь биначу чордачу машин тишйелла, йоманаш техкина коч-хеча тIера дIадаьккхича, дерзина делира ткъех шеран дохалла хиллачу чевнийн моьнаша эрчадаьккхина кIайн дегI. Озачу дегIана тIехевшинчу пIендарех шера къаьстара бойна биъ. ХIетахь Iоьттина дегIах чекхбаьккхинчу цамзанан чевнийн моьнаш дара гай тIехь а, букъа тIехь а. Амма цунна тIехьийза кхо стаг хIумма а цец ца вуьйлура шайна хьалха Iуьллучу чевнаша деринчу дегIах.

– ХIокхуьнан дегI-м, цхьадика, цIена ду, Аьрзу, – дуьйцура Маккхала ша гIуллакх дешшехь, багахь доьшу айаташ наггахь йукъах а дохуш. – Веза Дела, ма чаьмза хуьлу-кх суна хьалха нисло цхьацца декъий. Дала иза къина ма лорийла сан, цхьаццаверг мезаша вийна олий, хетало. ДегIах кортош а духкий, тIе йуьхьархIуьттий хуьлу уьш. Ткъа можах, коьртах, пхьаьрсаш кIел, кхечахьа хирг дайча, къина доьлхур дара шу. Зингатийн туьйлиг санна, сийсош. Цкъа цхьана стеган дегIа тIе летта уьш урс хьоькхуш охьаэгийра ас. Иштта цхьаъ лийча а вина, цIа вирзича, йуучух а, дуьненах а догдолу.

– Уьш тхоьга ца дийцича мегар дацара-те, Маккхал? Кхин дийцахьа…

– Iовдал вац. Хьуна дуьйцуш а ца товриг ас муха лело деза? Сатоха ахь, Iама хьо. Тахана дуьйна хьо а хир ву суна уллохь. Кхузара нах сан ненан вежарий бу-м, ца моьтту хьуна? ХIан, хIара кийча ву-кх хIинца, – дехьа коьллаш йуккъехь лахйелла Iачу Хедега мохь туьйхира цо. – Хеда, марчо кечделлий вайн? Хьайн дог къовла ахь, Хеда, адамашна ца гуш а, тIе ца догIуш а хIун дуьсу?! Масане кхул ирчаниш дайна адамашна. Ас маслаIат дан ца оьшу хьуна. Хьо дуьнен тIе йаьлчахьана хьуна гинарш тоьур ма ду бIаьрхиш лакъо. ХIун дийр ду ткъа, ДанчIа, валлахI вара хьо дика къонах а, дика стаг а, тешаме доттагI а. Тхуна хьалхха велла хьо-м ирс долуш вара. Тхох хIун хир-те…

Дукха къа ца хьоьгуш кечвина ДанчIа цхьа сахьт хан йалале иттех стаг а, Болат а гуонаха бармахь тIаьххьарчу новкъа велира.

2

Шаьш кешнашкара цIа дирзича, туьпан майданахь лаьтташ масех турко а, эрмало а карийра АьрзугIарна.

 

Кхелхинарш кхуза кхаьчначу хьалхарчу шина баттахь-м гондIарчу йарташкара адамаш денна бохург санна хьошалгIахь лаьттира туьпахь. Дуккха а доьзалшца гергарло тасаделла, вовшийн чу-каре а йара. Амма кху тIаьххьарчу баттахь йуххехула хеддера и йукъаметтигаш.

Мушехь хиллачу гIуллакхах Аьрзу цIа верзале дуьйна а вогучу Довтина ца безабелира и хьеший. БIаьрг ма-кхийтти дог кхиира уьш стенна баьхкина. Довтина хетарг бакъдира хьешашца лаьттачуьра схьакъаьстина тIевеанчу Мовлас.

– Аьрзу, хьо ган лууш бу-кх и нах.

– Со мичахула вевзина царна?

– Кхузахь коьртаниг хоьтту-кх.

– И ша ду. Уьш хIун дохьуш баьхкина?

– Вайнаха лелочу цхьацца гIуллакхашна арз дохьуш баьхкина-кх, – доглозуш Довтей, Тарамей хьаьжира Мовла.

Довтин йуьхь цIеххьана кхоьлира, ткъа Тарам кIоршаме вистхилира:

– Аьрзнаш дан лиъча, хьаьнга дийр ду хиъча, бахьанаш ма дукха ду вайн. Цхьа пайда боцчу хIуманна баьхкина хир бу.

ТIебахана, салам делла, куьйгаш лоьцуш хьешашка маршалла, хьал-де хаьттира нохчаша.

– ХIорш Iедалан нах бу аьлла-м, хетац суна, – Маккхалехьа вирзира Аьрзу, духарна беркъа, догIмашна гIийлачу хьешашка а хьаьжна.

– Кхузахь нахах коьртаниг везара тхуна, – вистхилира царалахь воккха, жимма битамехь вухавелла, сира маж, лекха хьаж долуш безамехь турко. – Иза муьлха ву шух?

– Коьртаниг аьлча а, наха тхьамда вина хьалхатеттинарг со ву, ткъа хIорш сан гIоьнчий бу, – шеца волу Маккхаллий, Чорий, Довтий, Тараммий дIагайтира Аьрзус. – Стенна хоьттура аш?

– Шух дагадовла дезаш доккхачу маьIнин гIуллакх деана оха.

Аьрзу, гондIа бIаьрг тухуш, дIасахьаьжира.

– Делхьа, хьеший, аш ма таро йохийна-кх тхан, – воьхна хьаьвзира иза. – Тхан къоман гIиллакх ду, кхачанах вузийна, са а даIийтина, паргIатваьккхича бен, хьеше гIуллакх ца хоттуш. Ткъа хIинца, дуург-мерг хьовха, шу кIел даха тхов а бац-кх тхан. Кхуза бай тIе охьа ца хевшича девр дац вай.

Хьешашна сийночуьра бай гайтина, уьш дIатарбелча, дуьхьал охьахевшира хIорш.

– Тхох виъ Мушера а, гондIарчу йалхитта йарташкара а ву, – къамел долийра тохарлерчу туркочо. – Шуьга дийца гIиллакхе доцуш, амма ца дуьйцуш дита йишйоцу гIуллакх айъина даьхкина тхо, маьI-маьIIера цхьаьна а кхетта.

– Вовшашкара даьлларг дашна хьулдина, дегнаш чохь оьгIазло вай ларйича, гIиллакхе хир дац. Дийцал аш, бехк ца лоьцуш. Оха сема ладугIур ду.

Туркочо, даг тIе куьг диллина, баркалле корта таIийра.

– Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, xIop а сина кхоллам йазбина, боху, – долийра цо, Аьрзус деллачу дашо паргIат а ваьккхина. – Дала Ша шун синош кхуллуш цхьадолу рицкъанаш кху махкахь кхоьллина, оцу рицкъанаш тIе схьадаьхкина шу. Ша азаллехь йаздинарг кхочушдан оьрсийн паччахь а хаьржина, цуьнан куьйга махках даьхна, Дала кхуза далийна шу. Йа цхьана таIзарна хир иза, йа цхьана йолана хир иза, и Далла Шена дика хуур ду. Мухха делахь а, цигахь, даймахкахь, аш хьегначу а, кхузахь аш хьоьгучу а бохамашна тхаьш бехке ца хета тхуна.

– Дала лардойла тхо иза дагадогIучух! – корта ластийра Маккхала. – Мелхо а, оха бехк лоьцу шух.

– Аш баланаш лайний а, амма тахана шуьга хIоьттинчо хьалха мел хьегнарг шуна дицдинийла а хаьа тхуна, – дуьйцура туркочо. – Шалхо йоцуш бах оха, тхуна чIогIа къахета шух. Къа ду даймахках хьоьгучун. Цундела шу кхуза кхаьчначу йуьххьехь тхешан ницкъ кхочу гIо дора оха. Ас дуьйцург Iедал дац, ткъа цхьа тхо тайпа миска нах бу. Тхаьш схьа а оьхура, шу дIа а дуьгура. Тхаьш мел къен делахь а, тхешан йолчух йоькъий, шуна йохьуш догIура, дIадаьхкича, кара лой а дерзадора.

– Делхьа, ду иза бакъ, – корта теIабора Маккхала. – Аш гIиллакх ма лелий тхоьца. Тхоьгарчу бохаман дакъалеци аш. Баркалла шуна!

– Амма, тхан бусалба вежарий, тхо а дац-кх хьолана шул дукха дуькъа. ХIара ши куьг гой шуна? – шен мазакъдоьлла эттIа куьйгаш хьалхакховдийра цо. – Хьовсал шу, иштта ду-кх тхан массеран а куьйгаш. Дера, ца дакъаделла хIорш тхешан бахамехь оха къахьегна. Тхан долахь-м буйнахь схьаэца а латта дац. Мехкадайн йалхой ду-кх тхо. Суьйранна берашна дао пхьор хир дацара-те бохуш, дийнахь сарралц йолах деца. Iедало хьийзадо. Дехаш а дац, делла дIадовлуш а дац. Оцу хьолехь тхаьш доллушехь, шуьгара бала байбан а гIиртира.

Турко и шен къамел мича тIе дало гIерта хьалххе дуьйна гучу нохчийн бIаьргийн хьажар, кIез-кIезиг охьадоьрзуш, лаьттан бIаьра догIаделира. Веккъа цхьа Аьрзу вара, дерриг а лан сецна, церан йуьхь-дуьхьал хьоьжуш.

– Цундела шуна хаьа хир ду, кхуза гулвелла шу масех эзар стаг гуттар а кхаба тхан ницкъ боцийла, – цхьанаэшшара къамел дора туркочо. – Амма дерриг иза а дац тхо шух йухатоьхнарг. Iедало тхуна чIогIа дихкина, шуна гIо дар хьовха, ур-атталла шуьца цхьа а тайпа йукъаметтиг лелор а. Кху туьпа а ма гIуо, кхузара вогIург йарташка а ма вита, боху тхоьга. Оха и дахь, шу кхузара меттах а девлла, шайна билгалбинчу махка тIе, малхбузехьа, дIагIур ду, боху. ХIор а йуьртахь биллина лаьтташ мударш бу. Йуьрта веанчу нохчочунна оха хIума лой а, уьш чубуьгий а, тхо кхуза догIий а хьуьйсу. Iедалан омра талхийначунна луьра таIзар до. Йетташ, гIуданаш дохуш, набахте кхуьйсуш меттигаш йина дуккха а. ХIинца хаьий шуна, тхо шайх херадовларан бахьанаш?

– ХIинцца хии-кх, – корта таIийра Аьрзус.

– Ткъа шайн аьтто нисбелча, аш тхан нах байъар хIун бахьана ду хаттахьа цаьрга, Маккхал, – дийхира Тарама.

– Вайн хьарцхьаралла ду-кх, – шеггара жоп делира Чорас оьгIазе.

Амма Маккхала гочдира Тараман хаттар.

– ЦхьакIеззиг вуочу адамашкара дуьйлучу зуламашна тхо дерриш бехке ма дац, – дуьххьара вистхилира туркочунна уллохь хиъна Iан когаш берзина эгIаза эрмало.

– И зуламхой аш къайла ма боху ткъа, – тIевирзира Тарам.

– ХIун дийр ду оха, диканиг? – кхоьлина ши бIаьрг Тарамна тIебуьйгIира эрмалочо. – И къиза гIуллакхаш лелориш а таронаш йолчех бу. Йа шайн карахь Iедал дерш, йа Iедалца гIуллакх догIурш. Шайн зулам гучудаккха гIоьртинарг цара доьза войур ву. Доцца аьлча, гIийла адамаш ду-кх тхо, диканиг.

– ТIехула тIе, кху тIаьххьарчу хенахь аш а хьийзадо тхо, – тIетуьйхира туркочо. – Масех шарахь къахьоьгуш, халла оха таро йина бежана-газа эвла йисте лоллийла-м муххале дацара тхан, буьйсанна а и кертахь ца йитало.

– Тхешан йерг йохка, оьшург иэца шахьара даха а йиш йац, – вистхилира йуккъерчех цхьаъ. – Шун наха, новкъахь дуьхьалбовлий, карахь йерг оззайой дIайоккху.

– Къаьcттина эрмалошна ницкъ бо аш, – долийра даьлла, декъана некхан ваз а, коьртах хьарчийна йовлакх а долчу кхечу эрмалочо. – Тхо шайца цхьана динехь дац бохуш. Дин башх-башха хиларх, дерриг цхьана Дала кхоьллина адамаш ма ду вай. Тхо а ма дац шул тIехдевлла дика хьоьгуш. Тхешан ницкъ кхочу гIо динера оха, хIинца а дийр дара, Iедалх дахьахьара. Тхо мисканаш ма хьийзадейша…

Аьрзус паргIат ладоьгIура хьешийн аьрзнашка. Цаьрга хеттарш ца дора йа церан дешнаш а ца кегдора. Цара дуьйцург дерриг бакъ а, кхеташ а дара. Амма мелла а царна бехкбилла луу Тарам сих-сиха Маккхалан лере теIара, цара дуьйцург шена гочдойтуш.

– Дукха хьолахь оха талораш дийраш шун хьолахой бу, – йуха а йукъавуьйлира Тарам. – Вуьйриг а царах воь. Делахь а, наггахь меттиг нисло шу тайпа гIийлачу стагана бохам беш а. Цо дуьхьало йича. Мацалла ца дала гIерташ лела тхо. Оьрсийн паччахьо а, шун паччахьо а Iехийна схьадалийна, кху пана махка охьатийсина, мацалла леш долчу адамашна, йолчуьнгара йаьккхина а ца йиъча, кхин некъ бац. Йа тхо кху тогIехь, къилбехьа дирзина, охьа а дийшина, дала лаьара шуна? Маккхал, иштта дIаалал ахь цаьрга.

– Ца оьшу оцу мисканийн дегнаш дохо, – човхийра иза Чорас.

– Ткъа со Дала делла лела? – дуьхьалвирзира Тарам.

– Цул а, йукъа а ца гIерташ, хаий Iехьа!

– Ца Iа со!

– Ма къийсал шиммо а, ас дIаолу хьан дешнаш, – сацийра и шиъ Маккхала.

Маккхале ла а доьгIна, туркочо жоп делира:

– Ой, диканиг, тхан бехк ма бац шу схьадалор. Нагахь тхан Iедалх шу латахь, шуна улло дIахIитта реза ду тхо. Къоьлла йацахь, кхин къийса хIума дац вайн. Ткъа иза, къийса а ца оьшуш, шортта йу вайн шинхьарчарна а. Ахь хIуъу дийцахь а, хьолахо талийча а, тхох, мискачарах, кхета, иза вийча а, тхуна зулам долу. Нийсса аьлча, аш талораш тхо ду-кх. Мушана шу тIелетча, зулам хьанна делира? Йистошкахь бехачу къехошна. Шахьара йуккъехь беха хьолахой хьабаза бисира. Ткъа шаьш тIе мел кхаьчначо, дуьхьало ца йеш, шайн карарниг дIацайаларх оьгIазло йан ца оьшу. Ша къиза къахьегна йаьккхина доьзална йохьу баьпкан йуьхк дIайаккха гIоьртича, дуьхьало йийр йу. Вайна массарна а деза-кх шен-шен бераш.

Туркочун къамел чекхдаьлча, тийналла хIоьттира. Схьахетарехь, и векалш шаьш дохьуш баьхкинарг дийцина бевлира.

– Кхин дарий шун ала? – хаьттира Аьрзус.

– Дац. Тхуна шух къа а хета, тхешан ницкъ кхаьчча, шуьгара бохам-балий байбан кийча а дара тхо. Амма тхан лаам, ницкъ цхьаьна багIац-кх. Тхан хьолахой а, Iедалан нах а шайна ма-луъу талабе, байъа. Аш динарг, лачкъадахь бен, оха Iорадоккхур дац. Тхо мисканаш ма хьийзадейша.

Аьрзу хьалагIеттира.

– Дика ду шу схьадаьхкина а, шайн дагна Iаьткъинарг аш далхийна а, – элира цо. – Дера, тхо бахьанехь аш баланаш ма лай. Тхуна иэхь хоьтуьйтуш гIиллакх ма лелий. Тхо дIадаьхкича, кара а ма лора, шаьш йохьуш а ма догIура. ТIех чIогIа гIиллакх лелий, Iедало шайна и дехккалц. Тоьур ду, баттахь, шина баттахь гIо дича, кхузара берхIитта эзар шуна кхаба тIевоьжна ма вац йа ницкъ а бац шун. Баркалла, Дела реза хуьлда шуна! Тхоьгара гIиллакхе доцурш дийлина меттигаш йу. Махках даьхна, мацалло бIарздина, кхузахь лаьттачу адамашна йуккъехь собар кхачийнарш, дегнаш дарделларш бовлаза ца биси. Тхоьца лелийначу гIиллакхна баркалла ала шайн туркошна, эрмалошна, курдошна. Тхоьгара хIинццалц дийлинчу зуламашна къинтIерадовла, ала. И тIаьххьарлера даккхий талораш тхо цхьадерш цIахь доцуш лилхина. Таханчул тIаьхьа уьш а совцур ду. Кху цхьана иттех дийнахь кхузара дIадовла хьовсур ду. Йа малхбузехьа – тхайна билгалбинчу махка, йа къилбаседехьа – тхешан даймахка. Ойла иштта йу, амма Дела хIун кечдина Iаш ву хаац. ХIан, шу чудига хIусамаш а, хьошалла дан ницкъ а бац тхан. Схьало шайн куьйгаш.

Шена тIекхаьчча, Аьрзун куьг буйнахь сацийра когаш берзинчу эрмалочо:

– Малхбузехьа доьлхучул, хIуъу тоьлу шуна. Дан шайна луъург де. Дала аьтто бойла шун!

– Дела реза хуьлда шуна а!..

3

Тахана Iуьйранна Мовлица уьйтIа веанчу цхьана цIонтарочо кехат кховдийра МIаьчиге.

– Гати-Юьртарчу Васала делира соьга хIара, хьуна тIекхачахь, дIалахьара аьлла.

КхидIа динчу хеттарех МIаьчигна хиира и цIонтаро кхелхачех тIаьххьара кхуза кхаьчначу тобанца веанийла. Цаьршиннах дIа ма-къаьсттинехь, Маккхал волчу дIахьаьдира МIаьчиг, амма велла Iуьллучу ДанчIина гуонаха хьийза уьш хIокхуьнан кехат деша кхуьучохь бацара.

Кешнашкара шаьш цIа догIуш Маккхал цхьа масех минотана тIаь-хьасацийра МIаьчига.

– Васалера долчух тера ду xIapa, – четара схьадаьккхина кехат кховдийра цо. – Дешахьа.

Деалха тоьхна кехат даржийна, хозуьйтуш деша вуьйлира Маккхал:

«Делера шапаIат хуьлда хьуна, тхоьгара салам-маршалла ду хьоьга, сан хьомсара ваша МIаьчиг.

Тхоьгара салам-маршалла, доIа-весет ду вежаршка Аьрзуга, Маккхале, Чоре, Iеле, йише Зазуга, вайн берашка…

Ва МIаьчиг, шух къаьстинчу дийнахь дуьйна xIapa йурт a, xIapa дуьне а даьсса хета суна а, тхо бухадисинчу массарна а. Йассайелла шун керташ гича, дегнаш доьлху тхан, шу лелла меттигаш гича, ойланаш йуху тхан, шух къастаро xIapa дуьне къахьдина тхуна, шух хилларг цахааро синтем байъина, шун къина кхоьлина лекха лаьмнаш, тийжаш йоьлху сийна хьаннаш. Ва амма, шуьгара кхочуш кост дац, шу дели а, диси а хаац тхуна.

Шух хIун хили-те, могаш-маьрша дIакхечин шу, дIадахале кхузахь шуьга ма-дуьйццу дика нисделин-те шун гIуллакх? Махках ваьллачун гIуллакх дика хир ду бохучух теша мел хала делахь а, маршой, нийсой шуна цигахь карийнехь, ма хазахетар дара суна. ТIаккха, дукха сагатдой Зазус, Зарус, Коьрас? ИбрахIиман доьзалш мича хьолехь бу? Шуьгара хьал хиъча, боккха синтем хир бара тхуна…»

Кхузахь лаьттах йаханчу хIусамненан а, берийн а цIераш йаьхча, хорам хилла къурдаш биначу МIаьчиган логан бакъабелла шад шозза-кхузза хьала-охьа бахара ваьштта.

«Кхузара хьал шуна хаа лаахь, кху беа баттахь хийцаделла хIума дац. Дено-дено ницкъ бар бен, Iедало йеш паргIато йац тхуна. Лакханехьара масех йурт тIаьхьа а хIоьттина, имам ваьллера Хорачуьра Акхмирзин Тоза. Цхьа масех дийнахь бохий уьш, дикка нах лецна дIабигна. Берриг нах, хьалха санна, цхьа а гIуллакх кара ца догIуш Iаш бу. Цигахь шу дика дIатарделлийла хиъча, тIаьхьа а гIоьртур болуш, шун гIуллакх галдаьллехь, кхузара меттах ца бовла лийр а болуш. Ткъа сох дерг аьлча, сан ойла йац кху йуьртара дIавала. Тоьур ду, цкъа къаьстина со махках а, халкъах a. XIapa сан шолгIа даймохк, шолгIа халкъ сайн баккъал а долчарел суна дика хилла.

 

XIapa шо йокъане делахь а, хьан кха тIера хьаьжкIаш дика хьалакхуьу. Царна хьалхара асар даьккхина ас. Керт-кевнна са ма гатде, гонахара керташ къевлина ас. Денна воьдуш, кертахула хьаьвза. Хьанна хаьа, дохко а ваьлла хьо цIа верзахь, и дерриг хьуна оьшур ду. Гурале цIа ца вагIахь, хьаьжкIаш доьрчаш чу дIайерзор йу ас.

Чорин а, Iелин а доьзалш могаш бу, цомгаш кIелвиснарг вац. Доьзалшна са ма гатде ала, оха тхешан ницкъкхочу гIo дийр ду царна. Вайн йуьрта а веана, нахе Хонкара кхалха баьхна Мадий, Нуркиший, шу дIа а хьовсийна, цIахь севцца.

Кхин дийца керла хIума дац. Шайгара хьал-де йазде. Тхоьгара а, кху махкера а салам-маршалла луо вайн бевза-безаршка, йуьртахошка.

Шу гаре сатуьйсуш, шуна воьлхуш вуьсу

Гати-Юьртара Лапин Васал»

Дешна чекхдаьккхина кехат йуха деалха а тоьхна, МIаьчиге дIакховдийра Маккхала.

– Миска Васал, массарел а вайн бала кхаьчна лела-кх. Кхузахь дерг хаахьара-м, иза дог иккхина лийр вара.

МIаьчиг вист ца хуьлура. Сихбелла хьала-охьа лела цуьнан логан шад тергалбелира Маккхална.

– Хьо ма гIелйели, борз, цIеххьана? – МIаьчиган белша тIе куьг туьйхира цо. – Дера, вешан ирзош тIехь асарш дохуш, нитташ хьекхош, шийла шовда тIе а муьйлуш, Нохчамахкахь бакъахьа ма дара вай.

– ВаллахI, Васала дукха-м бехира: «ЦIахь Iе, ма гIуо, МIаьчиг, нехан хийрачу махка…»

– Дера, бехира Васала а, и воцчара-м. Аш ла ца дуьйгIира-кх, МIаьчиг. Амма хилла даьлларг нислур дац, вай чIеIарх. И хьайн беха букъ нисбай, дуткъа лаг дахдай, охкаделла мекхаш а хьовзадай, дIаволало хьалха. Йекъаниг кагйеш, тIеданиг саттош, цхьана aгIop ваьшна некъ боккхур вай. Вало!

МIаьчига корта ластийра.

– Хьо дIагIуохьа, Маккхал. Со жимма садаIа соцу.

* * *

Маккхал дIавахча, хин тогIин лекхачу бердан йисте а вахана, охьахиира МIаьчиг. Кхузахь парггIат ойла йан. ДIадахнарш дагалеца. Кханенан ойла йан. Четара схьадаьккхина кехат даржа а дина, вехха хьийжира иза оцу тIерачу чIагаречу йозанашка, хьаьркашка. Оцу тIера цхьа а элп ца хаьара цунна, амма цаьрца цунна гора генахь бисинчу даймехкан хьомсара суьрташ: баьццара раьгIнаш, луьста хьаннаш, шийла шовданаш, peгIapa шен жима ирзо, оцу тIера хIетта асарх цIанйелла хьийкъина хьалакхуьу хьаьжкIаш. Ков къевлина даьсса лаьтта шен ков-керт. Хезара Васалан аз а. Цхьацца аьзнаш нийса ца алалахь а, цо шерачу нохчийн маттахь ден хьехаме, доглазаме, бехкаме къамел.

Цхьа хан йаьлча, МIаьчиган ойланаш, хьаьвззина йаьхкина, ДанчIина тIехь севцира. Цо тIаьххьара аьллачу дешнашна тIехь. Чекхдовллалц ца аладеллачу.

«МIаьчиг, дагадогIий хьуна…»

МIаьчиган кхоьлина бIаьргаш Муш-шахьарна тIехула дIа Сэв-Саран раьгIнийн баххьашна тIебоьгIна дара. Лергаш чохь йека чопаш туьйсуш, буьрса бердех леташ, хьердаьлча санна, охьа чухула хьаьдда доьдучу Мурат-хин къора гIовгIа Яьссин хеталора, ткъа генара шена гун Сэв-Саран лаьмнаш – берахь дуьйна бIаьргашна хьалха лаьттина нохчийн лаьмнаш.

ХIаъ, дагадогIу, дера-кх. Шаьш базарахь цхьаьнакхетар а, ДанчIин пхьарс боцчу накъостан карзахе дешнаш а, цIе санна богу бIаьргаш, цигахь лаьттачу нахаца цо дина дов а. Амма МIаьчигна ца хаьара и шиъ шех дIакъаьстинчул тIаьхьа полковникан хIусамехь церан хилла галморзахаллаш.

ДанчIа-м, шен йиша-вешех къаста а ца лиъна, церан лаамна тIера волийла а ца хилла, веанера кхуза. МIаьчиг-х веанерий, шен лаамехь хьовха, доьзалан а бертаза. Цо нуьцкъала баьккхинера шен доьзал цIийнах а, махках а. Кхуза жоьжахате… Йелла цуьнан йоккха стаг а, диъ бер а. Шаьш кертара довлучу хенахь Зазун къаьхьа йелхар, жимачу йоьIан баьлла шийла мохь хаддаза лерехь бу МIаьчигна.

Амма доллучул а цуьнан дог огу тийна чекхйолуш йоллучу Зарус а, массарех а къехкаш, даим ойлане, догIанна йазйелла марха санна, кхоьлина лелачу Коьрас а. Цаьршимма схьа ца алахь а, МIаьчигна ма хаьа церан дагара. Бакъ ма ду и шиъ: МIаьчиг ву дерригена а бехке. Цуьнан омранца баьхкина уьш кхуза. Iаьнан оцу шийлачу буса, чохь тIуьна гуьйриг сийсачу товхи хьалха гоьл тIе ког баьккхина, цо аьллачу цхьана дашо кху хийрачу мехкан лаьттах доьллина и пхи адам. Дийна дисинчу кхааннах хIун хир а хаац…

* * *

Мискачу МIаьчигна шаьш кхааннах хиндерг ца хаьара, амма кхелхинчу пхи эзар доьзалан кхолламах дерг хIинца а къастоза йара ший а правительство.

«Эрзерумски велига, Императорски комиссаре инарле Нусрет-пашега.

Господин комиссар!

Суна хиъна, эмиграце баьхкинчу нохчех цхьа дакъа Ванехь а, Мушехь а, Джиджехь а совцо шун ойла хилар. Нохчий цига баха ховшор нийсса дуьхьал ду лоьруш йолчу вайн правительствоша биначу бартан статьяна. Константинополехь волчу Россин векало Цуьнан Сийлалло инарло Игнатьевс оцу хьокъехь Кавказски Iедале официально биначу хаамца, эмиграце баьхкина нохчий Эрзинганий, Диарбекирний дехьа колонизировать бина хила богIу. Цул сов, xIapa хаам шуьга биначул тIаьхьа, ас сацамболлуш дуьхьало йийр йу лакхахь цIераш йаьхначу меттагашка нохчий тарбарна а, Трапезунд, Карс, Ван, Баязет санначу тхан дозанашний йа, вуьшта аьлча, Диарбекирний, Эрзинганий Малхбалехьарчу муьлххачу а пашалыкашка нохчийн колонизаци йарна. Эрзеруме кхаьчначу партех цхьа а цигара меттах ца йаьллийла а хоуьйту ас Хьан Сийлалле. Дехар ду Хьайга сан даггара лерам дIаэцар.

Оьрсийн комиссар. Капитан Зеленый.

24 июль 1865 шо. Карс»

«Цуьнан Воккхаллин Йерриг Россин Императорски комиссаре, Штабан капитане Александр Зеленыйга.

Господин комиссар!

ХIинцца ас схьаэцначу шена дуьхьал ас жоп йаздечу хIокху кехато боху, Цуьнан Сийлалло инарло Игнатьевс Кавказски хьаькамашка хаам биначу инструкцица, эмиграце баьхкина нохчий Эрзинганна а, Диарбекирна а дехьий бен колонизировать бан йиш йац. Хьан гайтам айса мел лерахь а, господин комиссар, цуьнан чулацамна дуьхьало йан деза сан. Ас дуьхьало йан йезаран бахьанаш хIорш ду: соьга йеллачу инструкци тIехь колонизацина база Боккхачу Iомана уллора Ван а, Муш а, Диарбекирей, Карпутехьай дIайолу провинцеш а ша гойтучу хенахь, сан правительствос оцу хьокъехь шун правительствоца барт бина хила беза; иштта ца хилча, xIapa айса лелориг ас ца лело а мегара. Соьга тIехдика хаийтина, Кавказца доза долчу провинцешкахь колонизаци йан йиш йац аьлла вайн правительствошна йуккъехь хиллачу барта тIехь шатайпа статья хилар. Хьан пурбанца ас цIераш йоху церан: Батум, Шильдир, Карс, Баязет.

Оцу барта тIехь цхьа а дош дац Оттоманан Империна чоьхьарчу Азиатски декъа тIера кхин провинцеш хьахош аьлла, цундела хьо цецвийла ца оьшу айса деллачу омранна тIехь со сецарх.

Суна йелла инструкци нийса хилар чIагIдеш, чIогIа оьшуш долу кхин а цхьа бахьана даладо ас, шена тIехь хьоьга ойла йайта: эмиграце баха нохчийн сацам хиллачу хенахь, сан правительствос царна дош деллера, кхузахь царна лун долу латта цара шайн лаамехь дIатосучу даймехкан лаьттаца массо а кепара догIуш хир ду аьлла. Бакъонца цара дехна а, хьакъдолуш ша царна делла а и дош ма-хуьллу уьш резабеш кхочушдаран Iалашо йолуш, Лекхачу Портас эмигранташна билгалдира церан махкаца догIу Ванна а, Мушана а гонахарчу провинцийн латтанаш. И ламанхой Эрзинганна а, Диарбекирна а дехьарчу хи доцчу йесачу меттигашка дIахьовсор – уьш хIаллакьхуьлийла лаар ду.

Карти тIе хьаьжча, Хьо тешар ву сан инструкци тIехь нохчашна билгалйина меттигаш Кавказан дозанна вуно гена хиларх.

Со тешна ву, господин комиссар, ас йина билгалонаш доггах тIе а эцна, царах лаьцна хаийта деззачу ахь дIахоуьйтург хиларх.

Императорски комиссар, инарла Нусрет.

25 июль 1865 шо. Карс»

* * *

«Кавказски Эскарийн инарла-квартимейстеран декхарш кхочушдечу полковнике Богусловскийга.

№ 10

26 июль 1865 шо.

Селхана Нусретера xIapa кехат сайга кхаьчча, хIокху тIерачу цхьацца меттигашна дуьхьало йан тахана иза волчу вахара со. Вайн векалний, Iела-Пашиний йуккъехь хилла барт ларбаран дуьхьа, ас цуьнга дийхира цуьнгарчу инструкцица нохчий мичахь ховшо ойла йу дийцар. Суна дIахаийта лаьа цо барта дуьйцург а, официальни жоп а цхьаьнадогIуш цахилар. Официальни йаздо цо, нохчий Ванехь буьту шаьш бохуш, ткъа тахана барта дуьйцу, Битлисана малхбалехьа уьш бита йиш йац бохуш. Цундела сан дехар ду, нагахь санна Кавказски хьаькамаш и ламанхой Диарбекирна гергахьо охьаховшорна резахилахь, Ванан пашалыкехь царна ца магош йолчу меттигех къастам бар. Ткъа Диарбекирал дехьа уьш дIалахкарх аьлча, цкъа-делахь, и хала ду, шолгIа-делахь, ас хьалха ма-йаздарра, цигахь цаьрга хьоьжуш Iожалла йу…»

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43  44  45  46  47  48  49 
Рейтинг@Mail.ru